«Открой очи мои, и увижу чудеса закона Твоего.
Странник я на земле; не скрывай от меня заповедей Твоих»

(Псалтирь 118:18-19)

Делан Йозанаш (Библия на чеченском языке)

Институт перевода Библии (ИПБ) – это российская научная организация, занимающаяся переводом, изданием и распространением Библии на языках неславянских народов, проживающих в России и в сопредельных странах. Эти народы (около 85 млн чел.) имеют различные культурные и религиозные корни и говорят на более чем 130 языках. Численность носителей некоторых из них составляет миллионы, другими владеют только несколько тысяч и даже сотен человек. Одни языки имеют давнюю литературную традицию, а для других письменность была создана совсем недавно. Цель Института перевода Библии – создать точный и богословски верный перевод, чтобы донести содержание Библии до современного читателя на родном языке.

Деятельность ИПБ проходит по благословению Святейшего Патриарха Московского и всея Руси Кирилла. Офис Института располагается в Москве, в Андреевском ставропигиальном монастыре. 28 октября 2015 года весь коллектив Института перевода Библии был удостоин  медали священномученика Евгения (Зернова) в благодарность за многолетнее плодотворное сотрудничество в деле распространения Слова Божия и христианского просвещения народов Якутии. Медаль вручил Председателю Правления ИПБ протоиерею Александру Троицкому епископ Якутский и Ленский Роман.

Книга взята с сайта http://ibt.org.ru/ru/


Товратан тептарш

 

Доладалар

Дешхьалхе

 

Грекийн маттахь Делан Йозанийн хІара хьалхара тептар «генесис» цІе йолуш ду. Иза «схьадалар» бохург ду. Наха хІокху тептарх иштта аьллера, цо дуьне а, адам а кхолларх а, къа схьадаларх а, дуьнен чохь балахьегар дІадоладаларх а, Дала адамашна дечух а лаьцна дуьйцу дела. Доладалар шина декъе декъа мегар ду:
1-11 кортош: Царна чохь дуьне кхоллар а, адамийн юьхьанцара истори а ю. Цу декъа тІехь Адамах а, Хьавах а, Кхаимах а, Хьабулах а, Нохьех а, хи тІедаларх а, Бавелан бІаьвнах а лаьцна дуьйцу.
12-50 кортош: Царна чохь исраилхойн ширачу дайх лаьцна дуьйцу. Хьалхарниг ИбрахІим ву. Цуьнан Делах тешар а, Далла муьтІахь иза хилар а гойту кхузахь. Цул тІаьхьа ИбрахІиман кІантах Исхьакхах а, кІентан кІантах Якъубах а (Исраил аьлла, кхин цІе а ю цуьнан), Исраилан халкъан шийтта тайпа кхоьллина волчу Якъубан шийтта кІантах а дуьйцу. Къаьсттина боккха тидам тІебохуьйту тептар тІехь Якъубан кІантах Юсупах а, Якъубан а, цуьнан кІентийн а шайн доьзалшца Мисар-махка дІакхалхарх а лаьцна дуьйцучунна.
Адамех лаьцна цу тептар тІехь дийцахь а, иза уггар хьалха Дала динчух лаьцна дийцар ду. Иза дІадолало Дала дуьне кхолларх лаьцна дуьйцуш, ткъа чекхдолу Дала Ша адамаш Іалашдийр ду аларца. Юьхьанцара дуьйна чекхдаллалц тептаран коьрта декъашхо Дела ву. Цо кхел а йо, зулам дечарна таІзар а до. Цо Шен нах дІа а буьгу, царна гІо а до, церан кхоллам дІа а нисбо. И шира тептар яздина дара, халкъан Делах долу тешарх лаьцна дІаяздархьама а, иза дийна долу тешар санна Іалашдархьама а.

 

1

 

Дуьненан кхолладалар

 

1Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. 2Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара.
3Дала элира: «Хуьлийла серло». ТІаккха серло хилира. 4Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТІаккха Дала серло боданах къастийра. 5Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира.
Иштта суьйре а дІаелира, Іуьйре а еара. ДІаделира цхьа де.
6Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». 7Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. 8Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира.
Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а.
9ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. 10Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хІорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
11Цул тІаьхьа Дала элира: «Лаьтта тІехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хІу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хІора стоьма чохь хІуш а долуш. Оцу хІух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дІахІоьттира. 12Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хІу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хІуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
13Юха а суьйре дІаелира, Іуьйре а еара. Чекхделира кхозлагІа де а.
14Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тІе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. 15Лаьтта тІе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дІахІоьттира. 16Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Іуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. 17Уьш Дала дІанисдина стигалахь, лаьтта тІе шайн серло ялийта а, 18дийнан а, буьйсанан а Іуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.
19Суьйре а еара, Іуьйре а тІекхечира. ДоьалгІа де а дІаделира.
20Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
21Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. 22Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тІаьхье беркате а хуьлуш, хІордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
23ТІееара суьйре, хилира Іуьйре а. ДІаделира пхоьалгІа де а.
24Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тІехь массо а тайпана садолу хІуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дІахІоьттира. 25Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
26ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а».
27Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
28Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тІаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чІерашна тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге а лаьтта тІера дийнаташна тІехь а».
29Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург. 30Ткъа ерриге а садолчу хІуманна а ло Аса массо а тайпана гІа-буц. Ерриге а лаьтта тІера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хІора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дІахІоьттира.
31Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Іуьйре а хилира. ЯлхалгІа де а дІаделира.

 

 

2

 

1Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тІехь мел йолу хІума а.
2ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира.
3ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира.

 

Адам а, Хьава а

 

4ХІара ду стигалшкахь а, лаьтта тІехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь. 5Цу хенахь лаьтта тІе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хІунда аьлча Дала хІинца а догІа ца даийтинера лаьтта тІе, адам а ца хиллера и латта лело. 6Ткъа лаьтта тІера Іаь хьалайолура, и дерриге а латта тІада а деш. 7ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
8ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра. 9Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
10Цу бешахь хи тохархьама, Іедан-меттигера схьадолура хи, тІаккха иза деа декъе декъалора. 11Цхьаннан цІе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тІехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу. 12(Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегІазах тера а йолуш, хаза хьожа йогІу хІума а, «оникс» олу деза тІулгаш а ду). 13ШолгІачу хин цІе ю Гихьон, иза тІехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тІехула. 14КхоалгІачу хин цІе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгІа хи ду Эпрат.
15ТІаккха Везачу Дала адам Іедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Іалаш а йойтуш. 16Ткъа цу стагана Везачу Дала тІедиллира: «Массо а дитт тІера стом баа мегар ду ахьа, 17амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла.
18ТІаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гІоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогІуш».
19Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дІахІоттийра, цу стага царна хІун цІераш тохку хьожуш. ТІаккха оцу са мел долчу хІуманна адамо елла цІераш йитира. 20Иштта елира адамо цІераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогІуш йолу гІоьнча.
21ТІаккха Везачу Дала чІогІа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пІенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дІакъевлира. 22Цул тІаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пІендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
23Адамо элира:
«ХІара даьІахк сан даьІахкех ю,
дилха а сан дилханах ду,
кхуьнан цІе а адам[1] хир ю,
иза майрачух яьккхина дела».
24Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду.
25И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.

 

3

 

Адамо дуьххьара къа латадар

 

1Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
2Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тІера стоьмаш даа мега тхуна, 3амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тІера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
4ТІаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХІан-хІа, лийр дац шу, 5амма Далла хаьа, аша оцу дитта тІера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бІаьргаш дІабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дІатарлур дуй!»
6Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тІера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тІера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. 7ТІаккха дІаделладелира церан шинне а бІаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гІаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дІахьулдира цара шайн догІмаш.
8Дийнан йовхо лагІъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. 9Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
10Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дІалечкъира со».
11Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тІера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
12Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тІера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
13ТІаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хІун ду ахь динарг?»
Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хІилла а дина, Іехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
14ТІаккха Везачу Дала лаьхьане элира:
«И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон.
НеІалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а,
ерриге а аренан акхарошна а хьалха.
ХІинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тІехь, чан а юуш.
15ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а,
хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь
а мостагІалла хир ду.
Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю,
ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
16Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира:
«Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чІагІдийр ду хьан,
лазаршца доьзалхо а хир ву хьан.
ТІаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо,
ткъа иза хьуна тІехь олалла деш хир ву».
17Адаме[2] Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна,
хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а.
Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду
ахьа хьайна напха.
18КІохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тІе,
аренан ораматех хир ю хьуна юург.
19Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг,
юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц.
Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела,
юха а чан хир ю хьох».
20ТІаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Іебархойн маттахь: Хьава), аьлла цІе тиллира, хІунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
21ТІаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неІаран духар дира, иза царна тІе а духуш. 22Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
23Цул тІаьхьа Адам Іедан-бешара дІаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. 24Иза дІа а эккхийна, Іедан-бешана малхбалехьа агІор, чу волучохь, Везачу Дала дІахІоттийра дахаран диттана Іуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тІе ца гІортийта, цІе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хІоттийра.

 

4

 

Кхаим а, Хьабул а

 

1Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кІант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гІоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Іебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). 2Цул тІаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас.
Хьабулах жаІу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.

 

Дуьххьара стаг вер

 

3Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. 4Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Іахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. 5Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧІогІа оьгІазвахана, хьаьжа юккъе шад хІоттийра Кхаима.
6ТІаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгІазе ву! 7Ахь диканиг деш хилча, ларамца тІеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неІарехь къа лаьтта. И хьо Іехо гІерташ ду, хьо цул тола веза».
8ТІаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гІой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гІоьртина, иза вийра.
9ТІаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?»
Кхаима элира: «Суна хІун хаьа? Со гІарол-м вац сан вешина?!»
10ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. 11ХІинцачул тІаьхьа неІалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цІий дІаоьцучу лаьтта тІехь. 12Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хІинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».
13ТІаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таІзар лан ницкъ кхочур бац сан. 14Ахьа хІинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».
15Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхІазза бекхам бийр бу Ас».
ТІаккха Везачу Эло Кхаимна тІехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.
16Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дІа а ваьлла, Іедан-бешана малхбалехьарчу, Нада[3] цІе йолчу меттиге ваха охьахиира.
17Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кІант хилира. Цунна ХІанох аьлла цІе тиллира. Цигахь Кхаима, гІала а хІоттийна, шен кІентан цІарах ХІанох элира цунах.
18ХІанохан хилира кІант Іийрад, ткъа Іийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кІант Матушаал, Матушаалан а хилира кІант ЛемакІ. 19ЛемакІа ши зуда ялийра: цхьаннан цІе Іада яра, вукхуьнан – Цилла. 20Іадас вира кІант Явал. Четарш чохь Іаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах. 21Іадин кхин а цхьа кІант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира. 22Циллас а вира кІант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаІмат.
23Шен зударшка ЛемакІа элира:
«Іада а, Цилла а! ЛемакІан зударий!
ЛадогІа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн.
Сайна чов йича, стаг вийна ас.
Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.
24Кхаим вийначунна ворхІазза бекхам хуьлуш хилча,
со вийначунна кхузткъе вуьрхІиттазза а бекхам хир бара».
25Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кІант хилира. Цунна ШатІа аьлла цІе тиллира (иза Іебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кІант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хІинца сан ШатІа а ву», – элира Хьавас. 26ШатІин а хилира кІант, цо цунах Энош элира.
Цу хенахь адамаш Везачу Элан цІе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.

 

Адамна тІера Нохьина тІе кхаччалц йолу хан

 

(1 Шерашкахь 1:1-4)

 

5

 

1ХІара ду Адаман тІаьхьенах хиллачун тептар.
Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. 2Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.
3Адаман цхьа бІе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кІант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кІантана ШатІа аьлла цІе тиллира Адама. 4ШатІа хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира. 5Адам, исс бІе ткъе итт шарахь ваьхна, дІакхелхира.
6ШатІа цхьа бІе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Энош. 7Энош хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе ворхІ шарахь вехира ШатІа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 8ШатІа, исс бІе шийтта шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
9Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Къаим. 10Къаим хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 11Энош, исс бІе пхеа шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
12Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Махьаллал. 13Махьаллал хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 14Къаим, исс бІе итт шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
15Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Ярад. 16Ярад хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 17Махьаллал, бархІ бІе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
18Ярад цхьа бІе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант ХІанох. 19ХІанох хиллачул тІаьхьа кхин бархІ бІе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 20Ярад, исс бІе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
21ХІанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант Матушалахь. 22Матушалахь хиллачул тІаьхьа кхин кхаа бІе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХІанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 23ХІанох кхаа бІе кхузткъе пхеа шарахь вехира. 24ХІанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дІавигна дела.
25Матушалахь цхьа бІе дезткъе ворхІ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІант ЛемакІ. 26ЛемакІ хиллачул тІаьхьа кхин ворхІ бІе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 27Матушалахь, исс бІе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
28ЛемакІ цхьа бІе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кІант хилира. 29ЛемакІа шен кІантана Нохьа аьлла цІе тиллира (иза ду Іебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакІа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неІалт кхайкхийначу лаьтта тІехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». 30Нохьа хиллачул тІаьхьа кхин пхи бІе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакІ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кІентий а, йоІарий а хилира. 31ЛемакІ, ворхІ бІе кхузткъе вуьрхІитта шарахь а ваьхна, дІакхелхира.
32Нохьа пхеа бІе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кІентий Шима, Хьама, Япат.

 

6

 

Дерриге а Латта хица къайладаккхар

 

1Лаьтта тІера адамаш алсамдовлуш хилла. Церан хуьлуш хилла йоІарий а. 2Делах дІакъаьстина болчу божаршна и адамийн йоІарий хаза хилар гора. Царех шаьш къастийнарш ялош хилла цара. 3ТІаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бІе ткъа шо бен хир дац».
4Цу хенахь а, цул тІаьхьа а наьрташ хилла Лаьтта тІехь. Делах дІакъаьстина болу божарий адамийн йоІарех кхетий, оцу зударша бераш дан долийна. Уьш дара майра а, ницкъ болуш а, дикка хенахь дуьйна гІарадевлла а адамаш.
5ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. 6Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тІехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. 7ТІаккха Везачу Эло элира: «Со дохковаьлла, Айса Лаьттахь адам кхолларна а, массо дийна мел йолу хІума кхолларна а: Лаьттара дийнаташ а, текхаргаш а, хІаваэра олхазарш а, – и дерриге а хІаллакдийр ду Ас». 8Цхьана Нохьина резахилла Веза Эла.

 

Нохьин тІаьхье

 

9ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг.
Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. 10Кхо кІант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цІераш йолуш.
11Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чІогІа бехделлера, латта зуламех дуьзнера. 12Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хІора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дІаваьлла дела.
13ТІаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таІзарех а дуьзна, иза бехдина хІаллакдо дела, Ас, хІаллак а дина, дІадоккхур ду и латта а, цу тІехь мел йолу садолу хІума а. 14Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тІаккха кемана чухула а, тІехула а силам а хьакха. 15Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бІе дол[4] барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза. 16Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агІо тІехь неІ а яккха[5]. Цу кеман чохь тІех-тІехула а долуш кхо дакъа де. 17Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тІе, стигалш бухара чохь са мел долу хІума а хІаллакьярхьама. Лаьтта тІехь мел долу хІума хІаллакьхир ду. 18Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кІентий а, хьан зуда а, хьан кІентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. 19Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хІума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. 20Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. 21Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна».
22Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.

 

 

7

 

1ТІаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хІунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. 2Хьайца схьаэца хІора тайпанах ворхІ боьрша а, ворхІ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хІора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а). 3ХІора тайпана олхазарех а схьаэца ворхІ боьрша а, ворхІ стен а, церан тІаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тІехь. 4Ткъа ворхІ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догІа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тІе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тІера хІаллак а деш».
5Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира.
6Хи тІедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бІе шо дара. 7Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тІе хи тІедаларх кІелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кІентий а, церан зударий а. 8Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана 9(боьрша а, стен а). Шена Дала тІе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира. 10ВорхІ де даьлча, лаьтта тІе хиш деара. 11Нохьин ялх бІе шо а кхаьчна, шолгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь дІаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дІасаекъа а елла, лаьтта тІе доккха догІа деара. 12(И догІа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).
13Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. 14Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тІема мел йолу хІума а, ша-ша тайпа олхазарш а. 15И массо а шайна чохь са долуш йолу хІуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. 16Дала тІе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хІуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тІаьхьа хинкеманан неІ дІачІегІира Везачу Эло.
17Лаьтта хи тІедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. 18Хи, кхин а чІагІлуш, дебара лаьтта тІехь, ткъа кема хин тІехула лелара. 19Хи гулдалар лаьтта тІехь тІех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дІахьулделира хи чохь. 20Лаьмнаш хьулделлачул тІаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. 21Лаьтта тІехь лелаш мел йолу садолу хІума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хІуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дІакхелхира. 22Дерриге а лаьтта тІехь хилла йолу мерІуьргашкахула садоІуш мел йолу хІума елира. 23Лаьттахь хІора садоІуш мел йолу хІума хІаллакьхилира. ХІаллакьхилла дІадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хІаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хІума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.
24Ткъа хи чІагІлуш лаьттира лаьттахь цхьа бІе шовзткъе итт дийнахь.

 

 

8

 

1Нохьа а, Нохьица хинкеман чохь йолу ерриге акхарой а, дерриге а даьхни а Шена дагахь долу дела, лаьтта тІе мох бахийтира Дала. ТІаккха хиш лагІделира. 2Гобаьккхина долу лаьтта бухара хьаладуьйлу хиш совцийнера, стигалш дІа а къовлаелла, догІучуьра догІа а сацийнера. 3Цхьа бІе шовзткъе итт де даьлча, лаьтта тІера хи, тІаьхь-тІаьхьа шен метта а доьрзуш, лагІлуш дара. 4ВорхІалгІачу беттан вуьрхІитталгІачу дийнахь хинкема Арарат-лаьмнашкахь сецира. 5Хи тІедаларан уьтталгІа бутт болуш хи лагІлуш лаьтташ дара, ткъа уьтталгІачу беттан хьалхарчу дийнахь лаьмнийн баххьаш гучудевлира.
6Шовзткъа де даьлча, Нохьас дІадиллира ша дина хинкеманан кор. 7ТІаккха къиг арахийцира цо, иза тІема а йолуш, юха а йогІуш лийлира, латта хих дакъадаллалц. 8Цул тІаьхьа кхокха ара хийцира цо, лаьтта тІера хиш лагІделла даьллий-те хаархьама. 9Амма кхокханна ца карийра шен когаш тІебилла екъа меттиг, иза юха беара хинкеман чу, хІунда аьлча хи хІинца а долуш дара дерриге а лаьтта тІехь. Нохьас шен куьг а кховдийна, кхокха схьаийцира хинкеман чу. 10Кхин а ворхІ дийнахь собар а дина, Нохьас юха а арахийцира кхокха кеман чуьра. 11Суьйренца кхокха юхабирзира, шен зІакар чохь керла зайт-диттан гІа а дахьаш. ТІаккха Нохьина хиира хи лаьтта тІера дІадаьллий. 12Кхин а ворхІ дийнахь хьем а бина, юха а кхокха арахийцира Нохьас, цул тІаьхьа кхокха юха ца бирзира. 13ТІаккха хинкеманан неІ дІайиллира Нохьас. ДІасахьаьжча, латта декъа хилар гира цунна. Иза дара хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь. Нохьин ялх бІе цхьалгІа шо дара цу хенахь. 14ШолгІачу беттан ткъе ворхІалгІачу дийнахь дерриге а латта дакъаделлера. 15ТІаккха Дала Нохье элира:
16«Арадовла хинкеман чуьра хьо а, хьан зуда а, хьан кІентий а, церан зударий а хьоьца. 17Массо а дийнаташ арадаха хьайца, массо а тайпана: олхазарш а, даьхни а, ерриге а лаьттан текхаргаш а. ДІасадовлийла уьш лаьтта тІехула. Лаьтта тІехь дебийла уьш, тІаьхье а луш».
18Нохьа а, цуьнан кІентий а, цуьнан зуда а, кІентийн зударий а арабевлира хинкеман чуьра. 19Царна тІаьххье ерриге а акхарой а, массо а боьха хІуманаш а, дерриге олхазарш а, лаьттахула мел лела са долуш йолу хІума а араелира цу чуьра.
20ТІаккха Везачу Элана лерина сагІа доккхучу метте тІулгаш хІиттийра Нохьас. Шеца долчу даьхнин юкъара а, олхазаршна юкъара а тоьлла а, хьанал а дерш, цхьацца къаста а дина, Далла хьалха уьш дагийра цо. 21И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира:
«Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума.
22ХІинца дуьйна, латта мел ду,
цу тІехь ялта дІадер а, хьакхар а,
шело а, йовхо а,
аьхке а, Іа а,
де а, буьйса а
хийцадалар соцур дац».

 

 

9

 

Дала Нохьица бина барт.

 

1ТІаккха Нохьа а, цуьнан кІентий а декъалбеш, Дала элира цаьрга:
«ТІаьхье стам а луш, деба а дебаш, латта дузийла аш. 2Шух кхера а кхоьруш, шуна хьалха ега а еш, хуьлийла лаьтта тІехь мел йолу акхарой а, стигалахь мел долу олхазарш а, кху лаьттахь лелаш мел йолу текхаргаш а, хІорда чохь мел долу чІерий а. Шун кара дІаделла Ас и дерриге а. 3Массо а ораматаш еллера Ас шуна, ткъа хІинца дерриге а дийнаташ хир ду шуна юучунна. Лаьттара са мел долу хІума а дІало Ас шуна юучунна. 4Амма цхьа хІума тІедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цІий дІадалаза долу жижиг ма даалаш. 5Адаман цІий Іанорна Соьга жоп дала деза, цу цІийна чохь са долу дела. ХІора стага а жоп дала деза ша адаман Іанийначу цІийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цІий Іанийча. 6Цхьана стага адаман цІий Іанийнехь, цуьнан цІий а Іанор ду, цу стага Делан вастехь кхоьллинчуьнан цІий Іанийна дела. 7Ткъа шу деба а деба, шайн тІаьхье стам а е, дІаса а даржа лаьтта тІехь, алссам а довла цу тІехь».
8Дала элира Нохье а, цуьнан кІенташка а:
9«Ткъа Ас барт бо шуьца а, ерриге а шул тІаьхьа хир йолчу шун тІаьхьенца а, 10массо олхазаршца а, мел долчу дийнаташца а, массо а акхарошца, шуьца хинкеман чуьра араяьллачу, лаьттара са мел долчу хІуманца а. 11Иштта барт бо Ас шуьца: лаьттара йисина дийна мел йолу хІума хица хІаллакйина яра, амма ишттаниг кхин цкъа а юха хир дац аьлла. Кхин цкъа а латта хи тІедаларца хІаллакдийр дац».
12ТІаккха Дала элира: «Шуьца бинчу бертан тоьшалла дуьту Ас. Оцу тоьшалло чІагІдийр ду Ас шуьца а, дийна мел йолчу хІуманца а, тІейогІучу массо а ханна, барт бар. ХІара ду и тоьшалла: 13стелаІад хІоттадо Ас стигалан мархашкахь. И ду тоьшаллина Суна а, Лаьттана а юкъахь бинчу бертан. 14Ас лаьттана тІехула гулйина мархашна юкъахь стелаІад гучудаьлча, 15Суна дагабогІур бу Ас шуьца а, лаьттахь дийна мел йолчу хІуманца а бина барт, кхин цкъа а массо а дийна хІума хи тІедаларца хІаллакйийр яц аьлла. 16Стигалан мархашка а хьаьжна, стелаІад гича, дагабогІур бу Суна Сайна а, лаьттара дийна мел йолчу хІуманна а юкъара цкъа а хедар боцу барт».
17Иштта элира Дала Нохье: «И стелаІад лаьттахь дийна мел йолчу хІуманна а, Сайна а юкъахь бинчу бертан тоьшаллина хир ду».

 

Нохьин кІентий

 

18Хин кеман чуьра арабевллачу Нохьин кІентийн цІераш иштта яра: Шима, Хьама, Япат. Ткъа Хьама КанаІанан да вара. 19И кхоъ Нохьин кІант вара, ткъа царех хилла лаьттара адамийн тІаьхье.
20Нохьас латта лело а долийра, кемсийн аре а дІайийра. 21Кемсийн чагІар а мелла, ваха а вехна, верзина а ваьлла, шен четар чохь, тІе хІума а тасаза, вижина Іуьллуш вара Нохьа. 22КанаІанан дена Хьамина гира шен ден верзина ваьлла хилар, тІаккха цо ара а ваьлла, цунах лаьцна шен шина веше дийцира. 23Ткъа Шима а, Япат а, шайн ден бедар схьа а эцна, шаьшшиннан белшаш тІе а йиллина, тІехьа а вирзина, кІегара шайн дена тІе вахара. И бедар цунна тІе а тесна, Нохьин верзина хилар дІакъевлира цара. Уьш тІехьа бирзина болу дела, царна шайн ден верзина хилар ца гира.
24Ша меллачу чагІарх васта а велла, самаваьлча, Нохьина хиира, шена тІехь жимаха волчу кІанта Хьамас динарг. 25ТІаккха Нохьас элира:
«НеІалт хуьлда КанаІанна. Шен вежарийн лешна хьалха а лай хир ву иза», – аьлла.
26Кхин а элира цо:
«Декъала ву Веза Эла, Шимин Дела,
ткъа КанаІан Шимин лай хуьлийла.
27Япатан тІаьхье Дала беркате а йойла,
Шимин четарш чохь а Іойла Япат.
Ткъа КанаІан Япатан лай хуьлийла!»
28Лаьтта тІехь хи тІедалар хиллачул тІаьхьа, кхо бІе шовзткъе итт шарахь вехира Нохьа. 29Дерриге а Нохьа ваьхна шераш исс бІе шовзткъе итт шо ду. ТІаккха Нохьа дІакхелхира.

 

Нохьин кІентийн тІаьхье

 

(1 Шерашкахь 1:5-23)

 

10

 

1ХІара ду Нохьин кІентийн Шимин а, Хьамин а, Япатан а тІаьхьенах хилларг.
Лаьттахь хи тІедалар хиллачул тІаьхьа церан иштта тІаьхье хилира.
2Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.
3Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат, ТогІарма.
4Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Доданам. 5ГІайренаш[6] тІехь баха охьахевшинарш массо а Япатан кІентийн тІаьхьенах бара. ХІора кІентан а шен долахь латта а дара. ХІора доьзал а алсамболуш, тайп-тайпана къаьмнаш кхолладелира, шен-шен буьйцу мотт а болуш, дІахІиттира уьш.
6Хьамин кІентий бара Хуша, Мисар, ПІатІа, КанаІан.
7Хушин кІентий бара Себа, Хьавил, СабтІа, РуІман, Сабтехьа.
РуІманан кІентий бара Шеба а, Даддан а.
8Ткъа Хушин вара Намрад цІе йолуш кІант, иза чІогІа ницкъ болуш кІант а вара. 9Иза Везачу Элана гергахь воккха таллархо[7] вара, цундела цуьнца дустуш адамашна олуш ду: «Иза, Намрад санна, Везачу Элана гергахь воккха таллархо ву». 10Намрад-пачхьалкхана юкъайогІуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанІар-аренна тІехь яра. 11Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хІиттийна Нунав-гІала а, Рехьабат-гІала а, Калахь а, 12Расан а цІераш йолу гІаланаш а. Нунав-гІалина а, йоккха йолчу Калахь-гІалина а юккъехь яра Расан-гІала.
13Мисарх бевлла лудамхой, Іанамхой, лахІабхой, наптухьхой, 14патІрусхой, шех пІелаштамхой схьабевлла волу каслахІамхой, каптІархой.
15КанаІанан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦІадан, цул тІаьхьа хилла волу Хьета. 16Иштта КанаІанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гІиргІашахой, 17хьаьвихой, Іаьркхахой, синахой, 18арвадихой, цІемархой, хьаматхой.
Цул тІаьхьа КанаІанан тІаьхье дІасаяьржира. 19КанаІанхойн мохк баьржина бара къилбаседехьа йолчу ЦІадан-гІалара дуьйна къилбехьа йолчу ГІарар-гІала тІекхаччалц, ткъа кхузара малхбалехьара Іази-гІалара дуьйна малхбузера Седам а, Іамор а гІаланашна тІекхаччалц, иштта Удам а, ЦІабайма а гІаланашкара дуьйна ЛашаІ-гІала тІекхаччалц.
20Иштта яра Хьамин тІаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.

 

Шимин тІаьхье

 

21Шима Япатан воккхаха волу ваша вара. Шимин тІаьхьенах цхьаъ вара Іебар. Иза дерриге а Іебархойн тайпа долийнарг вара.
22Шимин кІентий бара Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам.
23Араман кІентий ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Маша а бара.
24Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар.
25Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилла. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. 26Якхтанан а хилира кІентий: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь, 27ХІайдарам, Узал, Дикхалла, 28Іобал, Абумаил, Шеба, 29Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш Якхтанан кІентий бара.
30Церан Іар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тІехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.
31Иштта яра Шимин тІаьхье шайн доьзалшца а, буьйцучу меттанашца а, бехачу мехкашца а, къаьмнийн декъадаларца а.
32Иштта яра Нохьин кІентийн доьзалийн тІаьхье шен тайп-тайпанана къаьмнашна декъадаларца. Царех даьлла массо а лаьтта тІехь дІасадаьржина къаьмнаш, Дала дерриге а латта хьулдеш даийтинчу хил тІаьхьа кхолладелла долу.

 

11

 

Бавелан бІов хІоттор

 

1Лаьтта тІехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара. 2Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанІар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.
3«Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цІергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тІулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан. 4Цара элира: «ГІала а, цу чохь стигала а кхочуш бІов а хІоттор ю вай ваьшна, хІокху лаьттахь массанхьахула дІаса ца даржадайта, цІе а йоккхуьйтур ю вай вешан».
5Адамаша кхуллуш йолчу гІалане а, бІаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла. 6Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна:
«И массо адам цхьа халкъ а ду, массара а буьйцуш цхьа мотт бу, ткъа хІун дан буьйлабелла уьш. ХІинца дерриге а шайна дан дага догІург ца далуш дуьсур дац церан. 7Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дІаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».
8ТІаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дІасадаржийра, цара хІоттош йолу гІала чекх а ца йоккхуьйтуш. 9Цу гІаланах цара Бавел-гІала элира (иза ду Іебархойн маттахь «Эбина-гІала»), хІунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хІокху лаьтта тІехь массо а маьІІе адам даржадар.

 

Шимина тІера Ибрам тІе кхаччалц йолу тІаьхье

 

(1 Шерашкахь 1:24-27)

 

10ХІара ду Шимин тІаьхьенах хилларг.
Дала хІокху дуьненна тІера массо а хІума, адам хІаллакдеш даийтина хи дІадаьллачул тІаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бІе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кІант Арпахшад хилира. 11Арпахшад хиллачул тІаьхьа Шима кхин а пхи бІе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира.
12Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира. 13Селахь хиллачул тІаьхьа Арпахшад диъ бІе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира.
14Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кІант Іебар. 15Іебар хиллачул тІаьхьа Селахь диъ бІе кхаа шарахь вехира, кхин кІентий а, йоІарий а хуьлуш.
16Іебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кІант ПалагІ хилча. 17ПалагІ хиллачул тІаьхьа Іебар диъ бІе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кІентий а, йоІарий а хилира.
18ПалагІан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира. 19Рахьу хиллачул тІаьхьа ПалагІ ши бІе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира.
20Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кІант СерагІ хилча. 21СерагІ хиллачул тІаьхьа Рахьу вехира ши бІе ворхІ шарахь. Цуьнан кхин а кІентий а, йоІарий а хилира.
22Ткъе итт шо кхаьчча, СерагІан хилира кІант Нахьир. 23Нахьир хиллачул тІаьхьа СерагІ вехира шина бІе шарахь, кхин а кІентий а, йоІарий а хуьлуш.
24Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кІант ТІахьир хилира. 25ТІахьир хиллачул тІаьхьа Нахьир вехира цхьа бІе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира цуьнан.
26ТІахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа, цуьнан хилира кІентий Ибрам, Нахьир, ХІарон.

 

ТІахьиран тІаьхьенах лаьцна

 

27ХІара ду ТІахьиран тІаьхьенах хилларг.
ТІахьиран кІентий хиллера Ибрам а, Нахьир а, ХІарон а. ТІаккха ХІаронан кІант ЛутІа хилира. 28ХІарон дІакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гІалахь, шен да ТІахьир дуьненчохь а волуш. 29Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цІе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цІе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХІаронан ши йоІ яра. 30Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.
31ТІаккха ТІахьир, шеца шен кІант Ибрам, шен кІентан ХІаронан кІант ЛутІа а, нус Сарет а (шен кІентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гІалара КанаІан-махка ваха аравелира. Амма ХІаран-гІала кхаьчча, цигахь севцира уьш.
32ХІаран-гІалахь шен ши бІе пхи шо долуш ТІахьир дІакхелхира.

 

12

 

Ибрама Дала тІедиллинарг кхочушдар

 

1Везачу Эло элира Ибраме:
«Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо.
2Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду,
хьо декъал а вийр ву,
хьан цІе а ойур ю,
наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу.
3Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш,
неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна,
дуьнен чуьра массо а халкъ
хьоьгахула декъал а дийр ду».
4Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХІаран-гІалара дІавахара Ибрам. Цуьнца ЛутІа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара. 5Цо шен зуда Сарет а, вешин кІант ЛутІа а вигира шеца. ХІаранехь ша да мел волу хІума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дІабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХІаран-гІала дІа а тесна, КанаІан цІе йолчу махка баьхкира. 6Цу махкахула дІа а вахана, Шехем цІе йолу гІала йолчу а, МорахІ цІе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тІехь Іаш бара канаІанхой.
7Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду».
Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. 8Цигара дІа а вахана, Бетал-гІалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дІахІоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гІала яра, малхбалехьа ГІай-гІала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагІа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира. 9Юха, новкъаваьлла, НегІаб цІе йолчу яьссачу арехьа кхидІа а вахара иза.

 

Ибрам Мисар-махкахь

 

10ЧІогІа мацалла хІоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дІавахара. 11Шаьш Мисар-махка дІакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете:
«Суна хаьа хьо хаза зуда юйла. 12Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама. 13Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тІаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кІелхьардоккхур ду».
14Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира. 15ПирІунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирІуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирІуно иза шен цІийне схьаялаяйтира. 16Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирІун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагІий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.
17Амма Ибраман зуда Сарет дІайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирІунна а, цуьнан чохь болчарна а тІе. 18ТІаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирІуно:
«ХІара хІун ду ахь суна динарг? Сарет хьайн зуда ю хІунда ца элира ахь? 19Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХІара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дІагІо кхузара!» – аьлла.
20Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирІуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дІахьажийра цигара.

 

13

 

Ибрам а, ЛутІа а дІасакъаьста

 

1Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегІаб цІе йолчу яьссачу арахула дІавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутІа а вара. 2Ибрам цу хенахь чІогІа хьал долуш вара, цуьнан дуккха а даьхни а, дети а, деши а дара. 3КхидІа а шен некъ беш, НегІаб-арара дІа а вахана, Бетал-гІала веара иза. Бетал-гІалина а, ГІай-гІалина а юккъехь ша хьалха шен доьзалца Іийначу метте юхавеара иза. 4Цигахь хьалха ша сагІа доккху меттиг кечйиначохь Везачу Эле кхайкхира иза.
5Ибрамна юххехь волчу ЛутІин дуккха а уьстагІий а, бежанаш а, дІахІиттийна четарш а дара. 6Цу шиннан даьхни дукха хиларна, уьш Іачу лаьтта тІе иза тар ца лора. 7Ибраман а, ЛутІин а Іуй вовшашца къийса буьйлабелира. Ткъа цигахь, цул сов, цу хенахь бехаш канаІанхой а, перезахой а бара.
8ТІаккха Ибрама элира ЛутІе: «Товш дац вайшинна а, вайн Іуьнашна а вовшашца къийсадала, хІунда аьлча вай вежарий ду. 9ДІасакъаьстар ду вай. Хьайна луъу меттиг харжа. Нагахь хьо аьрру агІор гІахь, со аьтту агІор гІур ву, нагахь хьо аьтту агІор гІахь, со аьрру агІор гІур ву».
10ДІахьаьжначу ЛутІина Йордан-хи догІу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогІи ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. 11ЛутІас шена Йорданан тогІи хаьржира. И шиъ дІасакъаьстира: ЛутІа малхбалехьа вахара, 12ткъа Ибрам КанаІан-махкахь висира. ЛутІа тогІи чохь йолчу гІаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тІекхаччалц дІа а вахана, шен четарш хІиттийра цо. 13Седаман бахархой чІогІа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара.
14ЛутІа дІакъаьстинчул тІаьхьа Везачу Эло элира Ибраме: «ДІасахьажал гонах, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбалехьа а, малхбузехьа а хьажал. 15Дерриг а хьуна гуш долу хІара латта Ас хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІалур ду. 16Ас алсамйоккхур ю хьан тІаьхье, Лаьтта тІера гІум санна, дукха хир бу уьш. Нагахь санна гІамаран буьртигаш дагарлург хилча, хьан тІаьхьенаш а ягарлур яра. 17ДІавалуо, хьайн лаьтта тІехула йохалла а, шоралла а волалуо, хІунда аьлча хьуна дІало Ас иза».
18Шен четарш дІа а оьзна, Мамари долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь, Хьеврон-гІалина гена воцуш, ваха охьахиира Ибрам. Цигахь Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг а кечйира цо.

 

14

 

Ибрама ЛутІа кІелхьарвоккху

 

1Амрапал ШанІар-мехкан паччахь вара, Арихан Эласар-мехкан паччахь вара, Кедирал-Іумар Іейлам-мехкан паччахь вара, ткъа Тида-Іела Гойим цІе йолчу къоман паччахь вара. 2И массо а паччахьаш тІамца дуьхьалбахара Седам-гІалин паччахьна БераІна а, Іамор-гІалин паччахьна БиршаІна а, Удам-гІалин паччахьна Шани-Абуна а, ЦІабайма-гІалин паччахьна Шима-Ибарина а, БулаІ-гІалин (хІинца ЦІоІар-гІала цІе йолчу) паччахьна а. 3Кхара шайн эскарш цхьаьнатуьйхира Сидим цІе йолчу тогІи чохь, хІинца Дуьра хІорд лаьттачохь. 4Шийтта шарахь Кедирал-Іумар цІе йолчу паччахьан куьйга кІелахь бара уьш, кхойтталгІачу шарахь цунна дуьхьал гІевттира и паччахьаш. 5ДейтталгІачу шарахь Кедирал-Іумар а, цуьнца болу паччахьаш а тІамца царна дуьхьал а бевлла, Іаштерот-Кхарнаимехь репаш цІе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, 6СеІир-лаьмнашкахь Іаш болу хьорихой а, яьссачу аренца доза долчу Эл-Парана тІекхаччалц долу къаьмнаш эшийра. 7Цул тІаьхьа Кедирал-Іумара, къилбаседехьа юха а вирзина, Іейн-Мишпате (хІинца Кхадеш олучу метте) а веана, Іамалекхахой олучу къомана тІехь толам баьккхира, цул сов, Хьаццон-Тамарехь Іаш болу эмархой эшийра. 8Седаман а, Іаморан а, Удаман а, ЦІабаймин а, (хІинца шех ЦІоІар олучу) БулаІан а паччахьаш цхьаьна а кхетта, шайн мостагІашца тІом бан Сидим олучу тогІи чу биссира. 9Уьш тІом беш бара Іейламарчу паччахьца Кедирал-Іумарца а, гойимхойн паччахьца Тида-Іелица а, ШанІар-махкарчу паччахьца Амрапалаца а, Эласар-махкарчу паччахьца Ариханца а. Виъ пхеанна дуьхьал. 10Сидим-тогІи чохь дуккха а оьрнаш дара шайна чохь силам долуш. Седамера а, Іаморера а паччахьаш бевдча, дуккха а тІемалой цу оьрнаш чу ийгира, вуьш лаьмнашкахь къайлабевлира. 11ТІаккха Седамера а, Іаморера а бахархойн долахь дерг а, тІаьхьалонна дІадиллинарг а – дерриг а, схьа а эцна, дІабахара мостагІий. 12Ибраман вешин кІант ЛутІа Седамехь Іаш вара. Иза йийсаре вигира, цуьнан берриг а бахам мостагІаша дІабаьхьира.
13КІелхьарваьллачу цхьаммо вахана Іебаран тІаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Іаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Іанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гІо дийр ду аьлла. 14ЛутІа дІалаьцна ву аьлла хезча, шен хІусамехь кхиъна волу кхо бІе берхІитта ялхо герзашца кеч а вина, Дан-гІали тІекхаччалц мостагІа эккхийна вахара Ибрам. 15Бекъа а белла, цу буссехь мостагІашна тІе а летта, уьш лаьхкина Дамасакх-гІалина къилбаседехьа йолчу, Хьоба цІе йолчу метте кхаччалц дІабигира цара. 16МостагІаша дІабаьккхина хилла болу бахам а, зударий а, ялхой а, шен бахамца цхьаьна ЛутІа а – дерриг а юхадерзийра Ибрама.
17Кедирал-Іумар а, цуьнца болу паччахьаш а эшийна, цІа вирзира Ибрам. Шех хІинца Паччахьан тогІи олучу, Шаву цІе йолчу тогІи чохь цунна дуьхьалвеара Седаман паччахь. 18Веза Воккхачу Делан динан да волу Шалейм-гІалин паччахь Малки-ЦІадакъа велира, бепиг а, чагІар а эцна, Ибрамна дуьхьал. 19Ибрам декъал а веш, цо элира:
«Ибрам! Стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Дала
декъалвойла хьо.
20Хьан мостагІий эшо хьуна гІо динчу Веза Воккхачу Далла
хастам бер вай».
ТІамехь даьккхинчух уьтталгІа дакъа Малки-ЦІадакъина дІаделира Ибрама.
21ТІаккха Седаман паччахьо элира Ибраме: «Даьккхина хьал хьайна а дитий, мостагІчо дІалаьцна хилла болу сан нах схьалохьа».
22Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, 23хьан долахь долчух цхьа хІума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“. 24Ас схьаоьцун берг сан кегийрхоша биина кхача бу, амма соьца хиллачу нахана догІу дакъа дІадала деза ахьа. Іанурина а, Мамарина а, Ашкуланна а догІург дІало».

 

15

 

Дала Ибрамца бартбар

 

1И дерриг а хиллачул тІаьхьа Везачу Элан дош деара Ибрамна, цхьа сурт а хІоьттина. Дала элира: «Ма кхералахь, Ибрам! Со хьо Іалашвен йолу гІап ю. Ас хьуна ден долу совгІат а доккха ду».
2Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Со ирс долуш хилийта хІумма а лойла дац хьан, хІунда аьлча сан кІант вац. Цундела со велча, сан лена, Дамасакхера ЭлиІазарна, кхочур ду дерриг а сан долахь дерг. 3Ахьа кІант ца велла суна, – элира Ибрама, – цундела сан цІа чохь вина лай хир ву сан тІаьхье дІакхоьхьуш верг».
4ТІаккха Везачу Эло элира Ибраме: «Хьан дерг дерриг а оцу лена кхочур дац. Хьан кІант хир ву, цунах хьан тІаьхье а хир ю».
5Цул тІаьхьа, Ибрам четар кІелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДІахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье».
6Ибрам тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира. 7Дала элира Ибраме: «Хьо Хашад-махкара Ур-гІалара араваьккхина Веза Эла ву Со. Иза Аса дина хІара латта хьуна дІадалархьама, хьоьга цуьнан дола дайта».
8Амма Ибрама элира: «Сан Хьалдолу Эла! Суна муха хуур ду хІара латта сан дуйла?»
9Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагІ а, кхокха а, къоркхокха а ба». 10И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. 11Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тІелетира дера олхазарш, амма Ибрама дІалаьхкира уьш. 12Малх чубузучу хенахь Ибрамна чІогІа наб кхийтира. ГІенах инзаре кхерам бахьаш бода хІоьттира цунна гонах.
13Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. 14Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. 15Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тІе дІагІур ву са паргІатдаьлла, кІорггера хенара а волуш дІа а вуллур ву. 16Йиъ тІаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тІе юхадогІур ду, хІунда аьлча кхузахь Іаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хІинца а».
17Малх чубуьзначул тІаьхьа чІогІа бода хІоьттира. ЦІеххьана шена чуьра кІур хьалаоьху кад а, цІеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. 18Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, 19кхенахойн а, кхеназхойн а, кхадманахойн а, 20хьетахойн а, перезахойн а, репахойн а, 21эмархойн а, канаІанхойн а, гІиргІашийн а, явсайхойн а латта», – аьлла.

 

16

 

ХІажар а, ИсмаьІал а

 

1Ибраман зудчун Саретан бер ца хуьлура. Саретан Мисар-махкара ялхо яра, ХІажар цІе а йолуш. 2Сарета элира Ибраме: «Везачу Эло суна бер ца делла, цундела сан ялхочуьнца дІавижа веза хьо. Иза доьзалхочух хилахь, цуьнгахула бер хир ду сан». Ибрама шен зудчуьнга ладуьйгІира. 3И дерриге хилира Ибрама КанаІан-махкахь итт шо даьккхинчул тІаьхьа. Сарета шен майрачунна Ибрамна Мисар-махкара ялхо ХІажар елира, цунах зуда яйта.
4Ибрамах доьзалхочух хилира ХІажар. Цу бахьаненна куралла а йина, Саретал ша лакхара хийтира цунна. 5ТІаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хІинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю».
6Ибрама элира Сарете: «Иза хьан ялхо ю, цуьнца хьайна луъург де», – аьлла. Сарета чІогІа ницкъ бора ХІажарна, цундела иза Сарет йолчуьра едира.
7Везачу Элера долчу маликана Шур-гІала боьдучу новкъахь, шовданан йистехь, яьссачу арахь карийра ХІажар. 8Малико элира: «Саретан ялхо ХІажар, хьо стенгара еана, стенга йоьду?»
ХІажара жоп делира: «Со Сарет йолчуьра едда йогІу».
9Везачу Элан Малико элира ХІажаре: «Хьайн хІусамнана йолчу цІа а гІой, цуьнга ладугІуш хила». 10Юха а элира цуьнга Везачу Элан Малико: «Ас, тІаьхь-тІаьхьа дебош, ягар ца яллал дукха тІаьхье хуьлуьйтур ю хьан». 11Кхин а тІетуьйхира Везачу Элан Малико: «ХІажар, хьо хІинца доьзалхочух ю, хьан кІант хир ву. Ахьа цуьнан цІе ИсмаьІал туьллур ю (иза „Далла хеза“ бохург ду). Везачу Элана хаза ма хезара хьуна ницкъ беш. 12ИсмаьІал, акха вир санна, аьрха а, шен лаамехь а хир ву, иза массарна а дуьхьал хир ву, массо а цунна дуьхьал а хир ву. Шен вежаршца мостагІалла долуш Іийр ву иза».
13ХІажара шеца къамел динчу Везачу Элан керла цІе яьккхира, цо элира: «Со гуш волу Дела ву Хьо». Цо иза элира, хІунда аьлча ша ойла йина дела: «Баккъалла а гиний теша суна со гуш Верг?» 14Цундела Кхадеш олучу меттигна а, Баред-гІалина а юккъехь йолчу цу гІунах олу «Дийначу, со гуш волчун гІу» (Іебархойн маттахь: «Беар-лахьай-рои»).
15ХІажара Ибрамна кІант вира, Ибрама цуьнан цІе ИсмаьІал тиллира. 16Ибраман дезткъе ялх шо дара, ХІажара ИсмаьІал вича.

 

17

 

Сунтваран бартбар

 

1Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хІоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Іамал а е, хьанал ваха, 2ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду». 3ТІаккха Ибрам Далла хьалха суждана вахара. Дала кхидІа а элира цуьнга: 4«ХІара ду вайшиммо барт барехь Аса тІелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. 5Аса хьан цІе хуьйцур ю: хьан цІе Ибрам хир яц, ИбрахІим[8] хир ю, хІунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву. 6Аса хьан дукха тІаьхьенаш хуьлуьйтур ю – хьох схьадевр ду керла къаьмнаш, схьабевр бу паччахьаш. 7Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. 8Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». 9Дала элира ИбрахІиме: «Ткъа хІара вайшиммо барт барехь ахьа тІелоцун дерг ду: ахьа а, хьан тІаьхьенаша а Сан хьоьца хилла барт ларбан беза. 10Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тІаьхьенаша а ларбан беза барт хІара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дІахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12КІентан бархІ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХІора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13Хьан цІа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. 14Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дІатосур ву, хІунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна».
15Дала элира ИбрахІиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цІе туьллур ю. И цІе хир ю Сарат[9]. 16Иза декъал а йина, цунна кІант лур ву Аса. Цу кІентан да хьо хир ву. Сарат дуккха а халкъийн нана хир ю, цунах паччахьаш схьабевр бу».
17ИбрахІим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БІе шо кхаьчначу сан кІант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?» 18ТІаккха ИбрахІима элира Деле: «ИсмаьІал мукъана а вахахьара, Ахьа декъал а вина».
19Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кІант, ахьа цуьнан цІе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тІаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза. 20Суна хезира ахьа ИсмаьІалан[10] цІе йоккхуш. Аса иза декъалвийр ву, цуьнан дукха тІаьхьенаш хир ю. Шийтта сийлахьчу элан да хир ву иза, цунах схьадер ду доккха халкъ. 21Амма Сарата хьуна тІедогІучу шарахь хІоккху хенахь вен волчу кІантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
22ИбрахІимца къамел чекх а даьккхина, Дела и волчуьра дІавахара.
23ИсмаьІал а, шен хІусамехь бина болу а, ахча делла эцна болу а леш а, берриг а божарий а, кІентий а схьа а балийна, уьш сунтбира ИбрахІима. Дала иза шега аьллачу дийнахь уьш сунтбира цо. 24ИбрахІиман дезткъе ткъайоьсна шо дара иза сунтвинчу дийнахь. 25Цуьнан кІентан ИсмаьІалан кхойтта шо дара цу хенахь. 26ИбрахІим а, цуьнан кІант а цхьана дийнахь сунтвира. 27Цу дийнахь сунтбира ИбрахІиман хІусамехь болу массо а божарий: цуьнан цІа чохь бина леш а, цо эцна леш а.

 

18

 

Кхо хьаша

 

1Веза Эла юха а ИбрахІимна дуьхьалхІоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахІим. Де дохделлачу хенахь шен четар кІелахь, араволучу меттехь, Іаш вара иза. 2Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьІира ИбрахІим. 3«Эла! – элира ИбрахІима, – Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь. 4Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кІел садаІа меттиг а ю шуна. 5Шайн догІмашкахь гІора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидІа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча».
Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха».
6Юха сихонца четар кІел а вахана, Сарате элира ИбрахІима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». 7ТІаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дІа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. 8Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хІоттийра ИбрахІима, ткъа ша царна уллохь дитта кІелахь сецира, уьш хІума юуш болчу юкъана.
9Цара хаьттира ИбрахІиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?»
«Кхузахь, четар кІелахь ю иза», – элира ИбрахІима.
10«Со бІаьста юхавогІур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кІант хир ву».
Царна тІехьа лаьттачу четарна кІелахь йолу Сарат ладугІуш яра церан къамеле. 11ИбрахІим а, Сарат а чІогІа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера. 12Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»
13ТІаккха Везачу Эло элира ИбрахІиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хІунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю? 14Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву».
15Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХІан-хІа, хьо елаелира».

 

ИбрахІима Седам-гІалин бахархойн дуьхьа дехар дар

 

16ТІаккха божарий, хьала а гІевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гІала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тІаьхьавелира ИбрахІим. 17Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахІимах лачкъор дац. 18ИбрахІимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду. 19Аса ИбрахІим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тІаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТІаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна». 20Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Іаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла. 21Суна ма-хаззара гІуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тІаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».
22Божарий Седам-гІала йолчухьа дІабуьйлабелира, ткъа ИбрахІим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара. 23Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хІаллакбан дага-м ца деана Хьуна? 24ХІун хаьа, цу гІалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХІетте а и гІала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гІалех къинхетам бийр бац Ахьа? 25Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
26ТІаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гІалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гІалех къинхетам бийр бу».
27ИбрахІима элира: «Новкъа Іуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хІутту, Хьалдолу Эла. 28Масала, пхиъ тІе а ца тоьъна, гІалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тІе ца тоьъна аьлла, ерриг а гІала йохор ю Ахьа?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Нагахь Суна цигахь шовзткъе пхиъ Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса гІала йохор яц».
29Юха а хаьттира ИбрахІима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гІала?»
«Нагахь Суна шовзткъа Сайн лаамехь волу стаг каравахь, Аса йохор яц и гІала», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
30«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгІаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гІалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» – аьлла, хаьттира ИбрахІима.
«Нагахь Суна цигахь ткъе итт Сайн лаамехь стаг каравахь, Аса йохор яц иза», – жоп делира Хьалдолчу Эло.
31ТІаккха ИбрахІима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гІалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Цу ткъа стеган дуьхьа а йохор яц».
32Юха а вистхилира ИбрахІим: «Хьалдолу Эла, оьгІаз ма гІахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гІалахь?»
Хьалдолчу Эло жоп делира: «Итт стеган дуьхьа а йохор яц».
33ИбрахІимца долу къамел чекх а даьккхина, дІавахара Веза Эла. ИбрахІим а шен цІа юхавирзира.

 

19

 

Седам-гІала а, Гомар-гІала а йохор

 

1Сарахь и ши малик Седам-гІала деара. ГІалин кевна йистехь хиина Іаш вара ЛутІа. Уьш шена гича, тІе а вахана, царна хьалха горавуьйжира иза. 2«Сан элий, ас доьху шуьга шайн ялхо волчу хІусаме дахкар. Со волчохь когаш била а, буьйса яккха а меттиг хир ю, ткъа кхана шайн некъ кхидІа а бер аша», – элира ЛутІас.
«ХІан-хІа, оха буьйса майданахь йоккхур ю», – элира цу шиммо.
3Амма ЛутІас чІогІа дехарна, иза волчу хІусаме ван резахилира и шиъ. ЛутІас царна яа хІума кечйира, морза тохаза бепиг а деттира. Цара хІума йиира. 4Цу сарахь уьш дІабийшале, Седам-гІалара жимачо а, воккхачо а, массо а маьІІера схьа а веана, ЛутІин цІенна го бира. 5Уьш маьхьарий детта буьйлабелира: «Мичахь ву хьо волчу сарахь веана ши стаг? Араваккха и шиъ. Оха царах зударий бийр бу!»
6ЛутІас, ара а ваьлла, шена тІаьхьа неІ тІечІегІира. 7Цо элира цу нахе: «Вежарий, ас доьху шуьга, зулам ма дахьара аша! 8Боьрша стаг а вовзаза ши йоІ ю сан. Ас и шиъ дІалур ю шуна, царна шайна луъург де, амма ас доьху шуьга, оцу шина стагана зе ма дахьара аш. Уьш сан хІусаме баьхкина бу, царах жоп дала декхарийлахь ву со».
9Амма цІенна го бинчу Седам-гІалара божарша элира: «ДІавала новкъара!» Вовшашка цара бохура: «Хьовсийша хІокху тІевеана волчу стаге, хІара висинера вайна тІехь кхел яза!» Цара элира цуьнга: «Ларлолахь, хьуна царначул алсам кхета мегаш ю хьуна!» Уьш ЛутІина тІегІоьртира неІ кагъян дагахь. 10ЛутІа волчу веанчу шина стага, дІакхевдина, иза чоьхьа а такхийна, неІ дІакъевлира. 11ТІаккха арахь болчу нехан, жимачун а, воккхачун а, бІаьрса дайира цара. ЧувогІу неІ лоьхуш, нах чІогІа гІелбеллера.
12Цу шина стага хаьттира ЛутІе: «Хьан доьзалх кхин цхьа а вуй хІокху гІалахь Іаш? Я невцарий, я кІентий, я йоІарий – милла велахь а кху гІалара араваккха. 13Оха хІара гІала йохор ю, хІунда аьлча Везачу Элана тІекхоьхьуш кху гІалара бахархошна дуьхьал дукха аьрзнаш ду. Цо дахкийтина тхо иза хІаллакьян». 14Ара а ваьлла, шен йоІаршна тІехьийзачу кІенташна тІевахара ЛутІа. «Сиха кху гІалара дІагІо, – элира цо, – Везачу Эло кестта йохор ю хІара». Амма царна моьттура ЛутІас забар йо.
15ШолгІачу дийнахь сатосучу хенахь маликаша сихвира ЛутІа. «Кху гІалина таІзар дийр ду, – элира цара, – хьайн цІахь йолу зуда а, ши йоІ а схьа а эций, дІагІо кхузара. ГІалахь дисахь, шу хІаллакьхир ду».
16Амма ЛутІа шина даггахь вара, хІоьттинчу хьолах дика ца кхетара иза. Амма Везачу Эло ЛутІех къинхетам бира. Цундела цу шина малико иза а, цуьнан зуда а, ши йоІ а, куьйгаш а лаьцна, гІалех араяьккхира. 17Уьш гІалех арабевлча, цхьана малико элира: «ХІинца довда, шайн синош кІелхьардаха! ГІалехьа юха ма хьовсалаш! Цхьана а меттехь тогІи чохь ма совцалаш, лаьмнашка дІагІо, довдий. Нагахь совцахь, гІалица цхьаьна хІаллакьхир ду шу!»
18Амма ЛутІас элира цаьрга: «Элий, ас доьху шуьга сайга ладогІар. 19Соьца, шайн ялхочуьнца, чІогІа лараме ду шу. Аша сан дахар кІелхьардаьккхи, амма со лаьмнашка вадалур вац. ДІа а ца кхиъна, вала там бу со. 20Кхузахь гена йоццуш цхьа жима гІала ю, цига вахийтийша со. Цига дІакхаьчча, кІелхьарвер вара со, иза жима гІала ма ю».
21Малико элира ЛутІе: «Дика ду, хьан дуьхьа ас йохор яц и гІала, 22амма сиха дІавада цига, хІунда аьлча айхьа хаьржинчу метте хьо кхаччалц, Седам-гІала йохо йиш яц сан». (Цу гІалин цІе «Жиманиг» (Іебархойн маттахь «ЦІоІар») тиллира, ЛутІас иза жима ю аьлла дела).
23Малх хьалагІаьттинера, ЛутІа ЦІоІар-гІали чу кхочуш. 24Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. 25Везачу Эло хІаллакйира цигахь йолу гІаланаш а, ерриг тогІи а, дерриг ораматаш а, цу гІаланашкахь Іийна дерриг адамаш а. 26ЛутІагІар бевдда боьлхучу хенахь юхахьаьжначу цуьнан зудчух туьхан тІулг хилира.
27Цу дийнахь Іуьйрре гІаьттина, Везачу Элана ша хьалха хІуттучу метте вахара ИбрахІим. 28Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. 29Ша тогІи чуьра гІаланаш йохош, Шена ИбрахІим дагахь волу дела, уьш йохале, цу гІаланашкахь Іаш волу ЛутІа араваьккхира Везачу Эло.

 

ЛутІа а, цуьнан йоІарий а

 

30ЛутІа ца ваьхьара ЦІоІар-гІалахь Іан, цундела шен шина йоІаца лаьмнашка дІавахара иза. Уьш цигахь цхьана хьеха чохь Іаш бара. 31Цкъа йоккхаха йолчу йоІа элира жимаха йолчуьнга: «Массанхьа а дуьнен тІехь божарша зударий балабо. Вайн да воккха ву, ткъа божарий кхузахь бан а бац, цхьаннах а вайшиннан бер хуьлийла дац. 32ЧагІар малийна, вайн да ваха а вина, цуьнца дІайижа еза вайшиъ. Дегахула вайн хІу Іалашдийр ду вай».
33Цу буссехь дена чагІар малийра шина йоІа. Йоккхаха ерг цуьнца метта дІайижира. ЛутІина ца хиира, иза шеца дІайижча а, хьалагІаьттича а. 34ШолгІачу дийнахь йоккхаха йолчо элира жимаха йолчуьнга: «Сийсара со йижира вайн деца, тховса кхин цкъа а цунна чагІар а малийна, хьо йижа еза цуьнца дІа. Вайн дех бераш а хилла, вешан хІу Іалашдийр ду вай».
35Цу буса а дена чагІар малийра шина йоІа. Жимаха ерг дІайижира метта шен деца. Юха а ЛутІина ца хиира, иза дІайижча а, хьалагІаьттича а. 36ЛутІин ший а йоІ цунах берах хилира. 37Йоккхаха йолчу йоІа кІант вира, цуьнан цІе Муаби тиллира цо (иза «дех винарг» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу муабахой. 38Жимаха йолчу йоІа а кІант вира. Цо цуьнан цІе Бен-Іамми тиллира (иза «сан гергарчун кІант» бохург ду). Цунах схьабевлла хІинца болу Іамминхой.

 

20

 

ИбрахІим а, Абу-Малик а

 

1НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахьа дІа а вахана, Кхадеш-гІалина а, Шур-гІалина а юккъехь ваха хиира ИбрахІим. Цул тІаьхьа ГІарар-гІалахь Іийра иза. 2Цигарчу нахе Сарат шен йиша ю элира цо. ГІарар-гІаларчу паччахьо Абу-Малика иза шена хезча, ялхой бахийтира Сарат шена схьаяло.
3Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гІенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хІунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».
4Амма Абу-Малик Саратах кхетаза вара, цундела цо элира: «Хьалдолу Эла, со бехке вац. Бехк боцу со а, сан халкъ а хІаллакдийр ду Ахь ткъа? 5ИбрахІима ша элира соьга: „И зуда сан йиша ю“, – аьлла. Ткъа зудчо а элира: „И стаг сан ваша ву“, – аьлла. Дог а цІена ду сан, куьйгашца хьарамло а ца йина ас».
6ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. 7ИбрахІимна цуьнан зуда дІало, хІунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доІа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахІимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу».
8ШолгІачу дийнахь Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, массо а шен ялхо схьакхайкхира Абу-Малика. Цо хилларг дерриг а дийцира царна – ялхой чІогІа кхерабелира. 9Юха, ИбрахІиме схьа а кхайкхина, элира Абу-Малика: «И хІун ду ахь тхуна динарг? Ас хІун вон динера хьуна? Сан пачхьалкх бехке хуьлуьйтур-кх ахь. Соьца ахь динарг деш ма ца хуьлу». 10Абу-Малика хаьттира ИбрахІиме: «ХІун дара хьан дагахь ахь иза дечу хенахь?»
11ТІаккха ИбрахІима элира: «Суна моьттура, кхузахь цхьа а Делах ца кхоьру, Сарат шена йитархьама цхьаммо со вуьйр ву. 12Иза билггала сан йиша ю, тхан дена кхечу нанас йина йолу, амма ас ялийна сан зуда а ю. 13Ден цІера дІавигна, дуьнен чухула лела Дала со дІахьажийча, ас элира Сарате: „Цхьа диканиг дехьа сан дуьхьа: вай миччанхьа кхаьчча а, хьо сан йиша ю алахь“».
14ТІаккха Абу-Малика Сарат юхаелира ИбрахІимна, цул сов цо цунна уьстагІий а, бежанаш а, леш а белира. 15«Хьажал гонах, хІара дерриг а сан латта ду, хьайна луъучохь Іе», – элира цо ИбрахІиме.
16Юха Сарате элира: «Ас хьан вешина ИбрахІимна цхьа эзар дато шекхал цІе йолу ахча делла, вайна хилла дегабаам дІабаккхархьама. Хьо массарна а хьалха бехказа ю».
17ИбрахІима Деле доІа дира, Абу-Маликана а, цуьнан зудчунна а, гІарбашашна[11] а дарба де аьлла. Массарна а дарба а хилла, церан доьзалхой хилира. 18ХІунда аьлча Сарат бахьана долуш хьалха Абу-Маликан цІийнах болу массо а зударий доьзалхо ца хуьлуьйтуш бинера Везачу Эло.

 

21

 

Исхьакх дуьнен чу валар

 

1Везачу Эло Сарат декъалйира, цуьнга Ша аьлларг кхочуш а дина. 2ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. 3Сарата винчу кІентан цІе Исхьакх (иза Іебархойн маттахь «диэлар» бохург ду) тиллира ИбрахІима. 4Исхьакхан бархІ де кхаьчча, ИбрахІима иза сунтвира, Дала шена тІе ма-диллара. 5ИбрахІиман бІе шо дара, цунна Исхьакх вича.
6Сарата элира: «Дала суна елар делла, хІора а, кхунах лаьцна хезнарг, соьца воьлуш хир ву». 7Кхин а цо элира: «Хьан эр дара ИбрахІиме: „Сарата бер дакхор ду“, – аьлла? Амма ас ИбрахІимна, иза къена воллушехь, кІант вина».

 

ХІажар а, ИсмаьІал а эккхор

 

8Исхьакх воккха хуьлуш вара. Иза вакхочуьра дІавоккху хан тІекхаьчча, ИбрахІима доккха той хІоттийра. 9Саратна арахь, ца вешаш, воьлуш ИсмаьІал гира. Иза гІарбаш йолчу мисархочо ХІажара ИбрахІимна вина кІант вара. 10Сарата элира ИбрахІиме: «Эккхае и гІарбаш а, цуьнан кІант а, хІунда аьлча гІарбашо винчу кІанта сан кІантаца Исхьакхаца тІаьхьадисинарг доькъур дац!»
11ИбрахІим дог доьхна вара, шен кІантана ИсмаьІална сагатдеш. 12Амма Дала элира цуьнга: «Са ма гатде хьайн кІантана а, гІарбашна а! Саратна мел луъург де! Хьан тІаьхье Исхьакхах схьабевллачарах лерина хир ю, 13амма Ас оцу гІарбашан кІантах а халкъ схьадолуьйтур ду, иза хьан кІант волу дела».
14Іуьйранна гІаьттинчу ИбрахІима, бепиг а, пІаьлдиг[12] чохь хи а делла, кІантаца ХІажар дІахьажийра. ДІайоьдуш, Беар-ШабаІ цІе йолчу яьссачу арахь тилаелира иза. 15Кестта хи кхачийра. Цхьана кулла кІел кІант охьахаийра ХІажара. 16Іодан чІу кхуссучул гена а яьлла, сецна, охьахиира иза. Хи а доцуш висина шен кІант леш ган ца лаьара цунна, цундела, охьа а хиина, йоьлхуш Іара иза.
17Далла хезира кІант ша Іуьллучохь воьлхуш. Делан малико стигалара элира ХІажаре: «ХІун хилла, ХІажар! Ма кхера! Везачу Элана хезна кІант воьлхуш. 18Яха а гІой, куьг а лаций, дІавига иза. Ас доккхачу халкъан да вийр ву цунах».
19Дала ХІажаран бІаьргаш схьадиллира, тІаккха цунна чохь хи долу гІу гира. Цо, тІеяхана, пІаьлдиг хьала а буьзна, кІантана хи делира.
20КІант воккха хуьлуш вара, цуьнца Дела вара. Яьссачу арахь Іаш волу ИсмаьІал, говза Іад лелош волу таллархо хилира. 21Нанас цунна Мисар-махкара зуда ялийра. Паран цІе йолчу яьссачу арахь Іаш бара уьш.

 

Беар-ШабаІехь бина барт

 

22Абу-Малика а, цуьнан тІеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахІиме: «Ахь дечу массо а хІуманна тІехь хьоьца Дела ву. 23Далла хьалха суна чІагІо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тІаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хІокху хьо тІевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий».
24ИбрахІима жоп делира: «ЧІагІо йо ас».
25ТІаккха ИбрахІима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гІу дІалаьцна аьлла. 26Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тІекхаччалц суна и ца хезна!»
27ТІаккха ИбрахІима, уьстагІий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахІима а, Абу-Малика а барт бира. 28Кхин ворхІ жий жа юкъара дІакъастийра цо. 29«ВорхІ жий дІакъасторан хІун маьІна ду хьан?» – аьлла, хаьттира Абу-Малика.
30ИбрахІима жоп делира: «Нагахь ахь хІара ворхІ уьстагІ дІаэцахь, ас и гІу яккхаран тоьшалла хир ду иза». 31Цундела тиллина цу гІунан цІе Беар-ШабаІ («чІагІонан гІу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чІагІо йина дела. 32Беар-ШабаІна уллохь барт бина чул тІаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тІеман хьаькам Пихал а ПІелаштам-махка юхавеара.
33Беар-ШабаІна гена доццуш тамариск цІе йолу дитт а доьгІна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахІима. 34ПІелаштам-махкахь, тІевеана стаг а хилла, дуккха а йолчу хенахь Іийра иза.

 

22

 

ИбрахІим зер

 

1Цул тІаьхьа, ИбрахІиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахІим!»
ИбрахІима жоп делира: «Со ладугІуш ву».
2ТІаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кІант Исхьакх, Мори-махка дІа а вигий, Ас гойтун болчу лома тІехь, вен а вей, сагІина вагаве».
3Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагІа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гІо аьллачу метте дІавахара ИбрахІим. 4КхозлагІчу дийнахь, корта хьала а айина, дІахьаьжначу ИбрахІимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира. 5ИбрахІима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кІант а, цига дІа а вахана, Далла лерина гІуллакх а дина, юхавогІур ву».
6СагІа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тІе а диллина, урс а, цІе а схьаийцира ИбрахІима. Цхьаьний дІаволавелира и шиъ. 7Шен дега ИбрахІиме элира Исхьакха: «Дада!»
«ХІун боху ахь, сан кІант?» – хаьттира ИбрахІима.
«Суна дечиг а, цІе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагІа доккхуш вай багор болу Іахар мичахь бу?»
8«Дала Ша боуьйтур бу сагІа даккха Іахар, сан кІант», – элира ИбрахІима.
КхидІа а цхьаьний дІавахара и шиъ. 9Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахІима сагІа даккха меттиг кечйира, тІулгаш а дехкина. Царна тІе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тІе шен кІант Исхьакх охьавиллира цо. 10Урс схьа а эцна, шен кІантана иза хьакха кечвелира иза. 11Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахІим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахІим!»
«Со кхузахь ву», – аьлла, жоп делира ИбрахІима.
12Малико элира: «Ма велахь кІант, цунна зе ма делахь. ХІинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтІахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кІант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».
13ДІахьаьжначу ИбрахІимна гира, коьллех маІаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТІевахана, схьа а лаьцна, шен кІентан метта Далла леринчу сагІина и ка бийра цо. 14Цу меттигна ИбрахІима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цІе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тІехь Везачу Эло оьшург ло», – олий.
15Юха а ИбрахІиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:
16«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, 17цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. 18Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна».
19ИбрахІим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаІе схьабаьхкира. ИбрахІим вехаш кхин а Іийра цигахь.

 

Нахьиран кІентий

 

20И дерриг а хиллачул тІаьхьа ИбрахІиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хІинца бераш ду. 21Дуьххьарлера кІант ІуцІа ву, шолгІа кІант Буз ву, кхозлагІа кІант – Къамуал, Араман да ву. 22Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву». 23Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархІ кІентан нана ю, ткъа ИбрахІиман ваша Нахьир церан да ву. 24Нахьиран кхин виъ кІант ву, цуьнан гІарбаша Реумис вина – Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаІха а.

 

23

 

Сарат кхалхар

 

1Сарат бІе ткъе ворхІ шарахь ехира дуьнен чохь. 2Иза кхелхира КанаІан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаІ цІе йолчу (хІинца Хьеврон олучу) гІалахь. Сарат кхелхича, ИбрахІима, четар чу а веана, белхар хІоттийра.
3Шен елла зуда Іад а йитина, хьетахошца къамел дан вахара иза. 4«Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе.
5Хьетахоша жоп делира ИбрахІиме: 6«Эла, хьо сийлахьчу элех цхьаъ ву тхуна юкъахь. Хьайн елларг тхан тоьллачу къубба чохь дІайолла. Хьоьга цигахь зуда дІайоллийта тхох цхьа а дуьхьал хир вац хьуна».
7ИбрахІим, хьала а гІаьттина, цу мехкан нахана хьалха охьатаьІира. 8Цо элира цаьрга: «Нагахь шу билггал сан зуда дІайолла суна гІо дан лууш делахь, сан цІарах ЦІохьаран кІантаца Іепронаца къамел дейша. 9Цуьнан латта чекхдоллучохь, шех Махпела олу меттехь йолу хьех эца лаьара суна. Цунах буьззина болу мах а лур бара ас, ткъа латта сайн зуда дІайолла ас оьцуш хиларан шу тешаш хила а лаьара суна».
10Іепрон хьетахошна юкъахь хиина Іаш вара. ГІалин кевнна хьалха баьхкинчу массо а нахана юкъара цо жоп делира ИбрахІимна: 11«ХІан-хІа, эла, хІокху сайн вежаршна хьалха ас дІало хьуна и латта а, цу тІехь йолу хьех а, хьайн зуда цу чохь хьоьга дІайоллийтархьама».
12Кхин цкъа а хьетахошна хьалха охьатаьІира ИбрахІим. 13ТІаккха, массарна а хезаш, цо Іепроне элира: «Оцу лаьттах хьуна буьззина мах бала лаьа суна. Соьгара ахча дІаэцахьара ахь, тІаккха сайн зуда дІаюллур яра ас».
14Іепрона ИбрахІимна жоп делира: 15«ЛадогІахь соьга, эла: диъ бІе шекхал дато ахча хьуна а, суна а хІумма а йоцург ю! Хьайн елларг дІайоллахь».
16Іепрона аьллачунна реза а хилла, хьетахошна хьалха лаьттах цІе тоьхна мах дІабелира ИбрахІима. Цо делларг диъ бІе шекхал дато ахча дара (шекхал совдегаршна юкъахь лелош долчу барамехь дара).
17Иштта Іепронан латта кхечуьнан дола делира. Мамари олучу меттигна уллохь, Махпелахь дара и латта. 18ИбрахІиман дола делира латта а, цу тІера хьех а, дитташ а. ИбрахІиман а, Іепронан а хиллачу механ тешаш хилира гІалин кевна хьалха баьхкина массо а хьетахой.
19Цул тІаьхьа ИбрахІима шен зуда Сарат оцу лаьтта тІехь йолчу хьеха чохь дІайоьллира. И меттиг КанаІан-махкахь йолчу Мамарина (хІинца Хьеврон) гена йоццуш яра. 20ИбрахІима хьетахошкара латта а, цу тІера хьех а эцна, цунах нах дІабухку меттиг йира.

 

24

 

Исхьакх а, Ребикха а

 

1ИбрахІим къанвеллера, дуккха а шераш дара цуьнан. Везачу Эло къобалвора иза массо а цуьнан гІуллакхаш тІехь. 2ИбрахІиман долахь долчунна тІехь Іуналла деш цхьа тешаме ялхо вара. Иза схьа а кхайкхина, ИбрахІима элира: «Сан кога кІел куьг а диллий[13], 3стигалан а, Лаьттан а Дела волчу Везачу Элана хьалха суна чІагІо е, КанаІан-махкара цхьа а йоІ сан кІанте ялайойтур яц алий. Вай кху халкъана юкъахь Іаш ду, амма канаІанхо ма ялаяйталахь цуьнга. 4Сан махка, сан гергарчу нахана тІе а гІой, цигахь Исхьакхана зуда а лахий, иза а ялош схьавола».
5Ялхочо хаьттира цуьнга: «Оцу зудчунна соьца кху махка ян ца лаахь, хьан кІант хьо схьаваьллачу махка дІавига везий ас?»
6«ХІан-хІа! И дан мегар дац! – элира ИбрахІима. – Ма вига сан кІант цига. 7Стигаларчу Дала, Везачу Эло валийна со сайн ден цІийнера, со винчу махкара кху лаьтта тІе. ХІара латта сан доьзалан хир ду аьлла, чІагІо йинчу Везачу Эло Шен малик дохуьйтур ду хьуна хьалха даьккхина, хьоьга сан кІантана цигара йолу зуда харжийта. 8Нагахь йоІ хьуна тІаьхьа схьаян реза ца хилахь, айхьа суна йинчу чІагІонах паргІат ву хьо, амма сан кІант цига дІа ма вига».
9Ялхочо, шен эла волчу ИбрахІиман кога кІел шен куьг а диллина, чІагІо йира тІедиллинарг кхочушдан.
10ИбрахІиман итт эмкал схьа а эцна, дуккха а тайп-тайпана цуьнгара долу деза совгІаташ а кечдина, Арам-НахІарайм-махкахь йолчу Нахьир Іийначу гІала вахара ялхо. 11Суьйранна, зударий хи тІе боьлхучу хенахь, гІалина арахьа, шовданан йистехь эмкалш голаш тІе охьайийшийра цо. 12«Веза Дела, – аьлла, дийхира ялхочо, – Хьо сан элан ИбрахІиман Дела ву, цунах къинхетам а бай, таханлерачу дийнахь цуьнан кІантана зуда каро аьтто бехьа сан! 13ХІокху шовданна йистехь лаьтташ ву со. ГІалара мехкарий богІу кхуза хи эца. 14Исхьакхана леринарг муьлха ю хьоьжуш, цхьана билгалоне сатуьйсуш Іа со. Ас эр ду йоІе: „Хьайн кхаба охьаерзаехьа, хи мер дара ас“. Нагахь цо: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“, – алахь, суна хуур ду, иза цунна леринарг юйла а, Хьо сан элах къинхетам беш вуйла а».
15Цуьнан къамел чекх ца даьллера, ИбрахІиман вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а кІентан Бетаалан йоІ Ребикха, белш тІе йиллина кхаба а яхьаш, шовданна тІе еача. 16Иза, чІогІа хаза а йолуш, боьрша стаг шех кхетаза йоІстаг яра. Шовда долчу чу а йоьссина, шен кхаба хьала а юьзна, юхаеара иза. 17Цунна тІе а вахана, ялхочо элира: «Хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа соьга», – аьлла.
18Ребикхас, цу сохьта шен белша тІера кхаба охьа а яьккхина, хи малийтира цуьнга: «Мала хьайна», – аьлла. 19Иза хи мелла ваьлча, йоІа элира: «Ас тоъал хьан эмкалшна а малор ду хи». 20Шен кхаби чуьра дерриг а хи эмкалшна дІа а доьттина, юха, едда яхана, кхин а хи а деана, массо а эмкална хи малийра цо. 21Ялхо, вист а ца хуьлуш, хьоьжура цуьнга, шен доІина Везачу Эло жоп а делла, ша арабаьккхина некъ кхочушхиллий хаа лууш.
22Эмкалш хи мелла евлча, цо Ребикхина ах шекхал йолу, мерах юллу дашо чІуг а, куьйгех буллу йозаллина итт шекхал болу дашо ши хІоз а белира. 23Юха цо йоІе хаьттира: «Хьо хьенан ю? Хьан ден хІусамехь тхуна буьйса яккха меттиг хир ярий?» – аьлла.
24«Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со», – аьлла, жоп делира Ребикхас. 25Юха тІетуьйхира: «Хьан эмкалшна ча а ду тхоьгахь, шуна буьйса яккха меттиг а хир ю».
26Везачу Элана хастам беш, лохха охьатаьІира ялхо. 27Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, сан элан ИбрахІиман Далла, цуьнца тешаме а, дика а волу. Цо валийна со сан элан доьзалера йолчу йоІана тІе».
28Сихха дІа а яхана, Ребикхас шен цІахь болчаьрга дийцира хиллачух лаьцна. 29-30Ребикхин Лабан цІе йолуш ваша вара. ЙоьІан дешнаш а хезна, цуьнан карахь чІуг а, ши хІоз а гина, араиккхина, шовда долчу дІахьаьдира иза. И стаг шен эмкалшна уллохь гІу йолчохь лаьтташ вара.
31Лабана элира: «Марша вогІийла тхо долчу, Везачу Эло декъалвинарг! Хьо хІунда лаьтта кхузахь, арахь? Ас хьуна чоь а, хьан эмкалшна меттиг а кечйина».
32ИбрахІиман ялхо цІа чу велира. Лабана гІо дира цунна эмкалш дІаІалашъеш, царна ча а, баа хІоъ а белира. Ялхочунна а, цуьнца болчу нахана а когаш била хи а делира цо. 33Цул тІаьхьа Лабана царна яа хІума елира, амма ялхочо ца йиира: «Ас юур яц айса деанарг дІадийццалц», – аьлла.
«Дийцахьа», – элира Лабана.
34«Со ИбрахІиман ялхо ву, – элира ялхочо. – 35Везачу Эло массо а хІуманна тІехь декъалвина ву сан эла, цундела иза хьалдолу стаг а хилла дІахІоьттина. Везачу Эло ИбрахІимна дуккха а жа а, бежанаш а, деши а, дети а, ялхой а, гІарбашаш а, эмкалш а, варраш а елла. 36Сан элан зудчо Сарата, ханна йоккха йоллушехь, кІант вира. Шен долахь мел дерг оцу кІантана дІаделла сан эло. 37Цо соьга чІагІо яйтира: „Сан кІанте канаІанхо ма ялаяйталахь. Суна ца лаьа цо канаІанхочун йоІ яло, вай царна юккъехь Іаш делахь а. 38ЧІагІо е суна, сан ден махка, сан доьзална тІе а вахана, сан кІантана айхьа зуда хоржур ю алий“.
39Ас элира цуьнга: „Цу зудчунна соьца схьаян ца лаа а мега“, – аьлла.
40Амма эло соьга элира: „Со Шена хьалха лелачу Везачу Эло Шен малик доуьйтур ду хьан аьтто бан, тІаккха сан кІантана сан ден гергарчу нахана юкъара зуда карор ю хьуна. 41Сан ден гергара нах болчу хьо веача, сан кІантана зуда яла уьш реза ца хилахь, айхьа йинчу чІагІонах паргІат а хир ву хьо“.
42Тахана цу шовданна тІе а веана, ас элира: „Веза Эла, сан элан ИбрахІиман Дела, ас арабаьккхина некъ кхочушхилийтахьара Ахь. 43Со, шовданна улло а хІоьттина, лаьттар ву. Хи дан йоІ еача, ас эр ду: ‘Соьга хьайн кхаби чуьра хи малийтахьа’, – аьлла. 44Соьга: ‘Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи’, – аьлла, жоп делла йоІ Везачу Эло сан элан кІантана хаьржина зуда хилийталахь“.
45Со доІа дина валале шовданна тІе хи дан еара Ребикха. Цуьнан белша тІехь кхаба яра. Цо, шовда долчу чу а йоьссина, хи схьаийцира. Ас цуьнга хи дийхира. 46Сиха, кхаба охьа а яьккхина, цо суна хи делира, юха элира: „Мала ахь, ас хьан эмкалшна а лур ду хи“.
Ас хи мелира, цо сан эмкалшна а малийра хи. 47Ас цуьнга хаьттира: „Хьо хьенан ю?“
Цо жоп делира: „Малкас Нахьирна винчу Бетаалан йоІ ю со“.
ТІаккха ас цунна мерах чІуг а оьллира, пхьаьрсаш тІе ши хІоз а боьллира. 48Юха, корта охьа а таІийна, Везачу Элана, сайн элан ИбрахІиман Далла, хастам бира ас. Цо нийсачу новкъа кхуза схьавалийна со, сан элан вешин кІентан йоІ сан элан кІантана ялорхьама.
49Ткъа хІинца алийша соьга, сан элах къинхетам а бина, цуьнца нийсо а лелийна, шайн йоІ схьаяла реза хир дуй шу? Алийша, суна дан дезарг хаийтархьама».
50ТІаккха Лабана а, Бетаала а элира: «Тхуна го и гІуллакх Везачу Элера хилар, цундела оха хІун эр ду цунна дуьхьал? 51ХІара Ребикха ю хьуна, иза, схьа а эций, дІайига. Хьан элан кІанте маре гІор иза, Везачу Элана лууш ма-хиллара».
52И дешнаш хезча, ИбрахІиман ялхо лаьтта охьакхаччалц Везачу Элана охьатаьІира. 53Цо Ребикхина ша деана совгІаташ: хаза духарш, дашо а, дато а хІуманаш дІаелира. Иштта цуьнан нанна а, вешина а совгІаташ делира. 54Цул тІаьхьа ялхо а, цуьнца болу нах а дууш а, молуш а Іийна, цигахь буьйса йоккхуш севцира.
ШолгІачу дийнахь Іуьйранна хьалххе хьала а гІевттина, цара элира: «ХІинца тхайн эла волчу дІадаха деза тхо».
55Ребикхин нанас а, вашас а элира: «Ребикха иттех дийнахь тхоьца йита, тІаккха дІагІор шу».
56Амма ялхочо элира: «Со сеца ма вейша. Везачу Элана сан некъ кхочушхила лиъна, сайн эла волчу дІавахийтийша со».
57Цара элира: «Ребикхе схьа а кхайкхина, цунна хІун лаьа хоттур вай».
58Ребикхе, схьа а кхайкхина, хаьттира цара: «Хьуна хІокху стагаца хІинцца дІаяха лаьий?»
«ХІаъ, лаьа», – аьлла, жоп делира цо.
59Цара ИбрахІиман ялхочуьнца а, цуьнан нахаца а дІаяха пурба делира шайн йишина Ребикхина. Цуьнца цхьаьна иза кхаьбна йолу ялхо а яхара. 60Ребикха дІайоьдуш цуьнга элира:
«Тхан йиша, эзарнаш а, эзарнаш а адамаш схьадовлийла хьох, хьан тІаьхьенаша шайн мостагІийн гІаланаш схьайохийла!»
61Ребикха а, цуьнан ялхой а, эмкалш тІе а хевшина, ИбрахІиман ялхочунна тІаьхьа дІабахара. Ребикха схьа а эцна, юханехьа новкъавелира ялхо.
62Цу хенахь Беар-лахьай-рои цІе йолчу меттера дІа а вахана, НегІабехь Іаш вара Исхьакх. 63Цкъа сарахь, ойла а еш, волавала аравелира Исхьакх. Корта хьалаайича, цунна геннахь йогІу эмкалш гира. 64ДІахьаьжча, Исхьакх а гина, эмкал тІера чуиккхира Ребикха. 65Цо ялхочуьнга хаьттира: «Аренгахула вайна дуьхьалвогІу жима стаг мила ву?»
«Иза сан элан кІант ву», – жоп делира ялхочо. Ребикхас, шен кортали схьа а эцна, юьхь къайлаяьккхира.
66Ялхочо дерриге а ша диначух лаьцна Исхьакхана дийцира. 67Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна.

 

ИбрахІим кхалхар

 

(1 Шерашкахь 1:32,33)

 

25

 

1ИбрахІима шолгІа а зуда ялийра. Цу зудчун цІе Къитурат яра. 2Къитурата винера Зимран а, Якхешан а, Медан а, Мадани а, Ишбакх а, Шуахь а. 3Якхешан Шебин а, Дадданан а да вара. Дадданах схьабевллера ашурхой а, летушхой а, леумхой а. 4Іейпа, Іайпар, Хьанах, АвидаІ, ЭлдаІа цІераш а йолуш, кІентий бара Маданин. И берриге а кІентий ИбрахІимах а, Къитуратах а схьабевлла бара.
5Шен долахь дерг дерриге а ИбрахІима Исхьакхана дитира. 6Ткъа шен гІарбашаша бинчу кІенташна совгІаташ а делла, Исхьакхах уьш дІа а къастийна, малхбалехьа дІахьовсийра ИбрахІима.
7ИбрахІим бІе кхузткъе пхийтта шарахь вехира. 8Эххар а иза кхелхира. Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, дика а ваьхна, кхелхинчул тІаьхьа шен дайх дІакхийтира иза. 9КІенташа Исхьакха а, ИсмаьІала а Мамари олучу меттигна уллохь, Махпела цІе йолчу хьеха чохь, ЦІохьаран кІентан, хьетахо волчу Іепронан, лаьтта тІехь дІавоьллира иза. 10ИбрахІима хьетахошкара эцна латта а, хьех а яра иза. Шен зудчунна Саратна уллохь дІавоьллира ИбрахІим. 11ИбрахІим кхелхинчул тІаьхьа Дала Исхьакх декъалвира. Беар-лахьай-рои цІе йолчу меттехь Іаш вара Исхьакх.

 

ИсмаьІалан кІентий

 

(1 Шерашкахь 1:28-31)

 

12Саратан ялхочо, мисархочо ХІажара ИбрахІимна винчу кІентан ИсмаьІалан тІаьхье хІара ю. 13Иштта ю церан цІераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тІаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, 14МишмаІ, Дума, Маси, 15Хьадид, Тейма, Етар, Напуши, Къедима. 16Уьш ИсмаьІалан кІентийн цІераш ю. Шийтта тайпанан баьччанийн а, уьш баьхначу меттигийн а цІераш а ю уьш. 17Цхьа бІе ткъе вуьрхІитта шарахь а ваьхна, кхелхина ИсмаьІал шен дайх дІакхийтира. 18Цуьнан тІаьхьенаш Хьавил-лаьтта тІера Шур-гІалина тІекхаччалц ехаш яра. Мисар-мехкан дозанца йолу Шур-гІала Ашур-махка боьдучу новкъахь лаьттара. Шайн вежаршца бертахь а боцуш, бехаш бара уьш.

 

Якъуб а, Іесав а

 

19ХІара ду Исхьакхан тІаьхьенах хилларг. ИбрахІиман кІант вара Исхьакх. 20Исхьакхан шовзткъа шо кхаьчча, цо Падан-Арама цІе йолчу меттера Ребикха ялийра. Иза арамхо волчу Бетаалан йоІ а, арамхочун Лабанан йиша а яра. 21Исхьакхан зуда бер ца хуьлуш яра. Амма Исхьакха Везачу Эле шен зудчух лаьцна дехча, Везачу Эло цуьнан доІина жоп а делла, Ребикха доьзалхочух хилира. 22Цуьнан кийрара бераш кест-кеста тохалора. Везачу Эле, доІа а дина, хаьттира Ребикхас: «ХІара хІун ду соьца хуьлуш дерг?» – аьлла.
23Везачу Эло жоп делира цунна:
«Ши тукхам ду хьан кийрахь,
ши халкъ схьадер ду хьох,
амма и шиъ декъалур ду.
Цхьаъ вукхул онда хир ду,
воккхаха верг жимаха волчунна гІуллакх деш хир ву».
24Хан тІекхаьчча, Ребикхас шала ши кІант вира. 25Дуьххьарлераниг цІиэн вара, дерриг а дегІа тІехь чоьш а долуш. Цуьнан цІе Іесав тиллира (иза «чоьшдерг» бохучух тера ду). 26ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара.
27КІентий баккхий хилира. Говза таллархо волчу Іесаван аренашкахь хан йоккхуш самукъадолура. Якъуб тийна, таьІна стаг вара, дукхаха йолу хан шен четара кІелахь йоккхура цо. 28Исхьакхана Іесав дукха везара, хІунда аьлча Іесава дахьаш долу экханан жижиг тайнера цунна. Ткъа Ребикхина Якъуб дукхавезара. 29Цкъа кІадвелла, мацалла гІора а доцуш, талла ваханчуьра цІа веара Іесав. Якъуб цу хенахь кхоьш кхехкош вара. 30Іесава элира Якъубе: «Со мацалла гІелвелла ву, и цІен кхоьш лохьа суна». (Цундела аьлла Іесавах «Эдом», ткъа иза «цІениг» бохург ду.)
31Амма Якъуба элира: «Делахь, суна дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо схьало».
32«Со мацалла леш ву, нагахь со лахь, ас хІун до сайн хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъонах?», – элира Іесава.
33Якъуба элира: «Цкъа хьалха дуй баа».
Якъубана дуй а биъна, шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо йоьхкира Іесава. 34ТІаккха Якъуба Іесавана кхоьх йина яа хІума а, бепиг а делира. Іесав, яа а йиъна, мала а мелла, дІавахара. Иштта атта шен хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дІаелира цо.

 

26

 

Исхьакх а, Абу-Малик а

 

1ИбрахІим дийна волчу хенахь хилларг санна, мацалла хІоьттира цу махкахь. Исхьакх ГІарар-гІала пІелаштамхойн паччахьна Абу-Маликана тІе вахара.
2Везачу Эло элира Исхьакхе: «Мисар-махка ма гІо, Ас хьайга Іе аьллачу лаьтта тІехь Іе. 3Цу лаьтта тІехь Іе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан дена ИбрахІимна Айса йина чІагІо кхочуш а йийр ю. 4Хьан тІаьхье дебор ю Ас, стигалара седарчий санна. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра массо а халкъаш декъала хир ду. 5Ас иза дийр ду хьан ден ИбрахІиман дуьхьа, хІунда аьлча иза вара Ас аьлларг деш а, Сан хьехамаш а, весеташ а, омранаш а кхочушдеш а».
6Исхьакх ГІарар-гІалахь ваха хиира. 7Цуьнан зуда Ребикха хаза яра. Цигара божарий цунах лаьцна Исхьакхе хетта буьйлабелча, цо элира: «Иза сан йиша ю». Ребикха шайна йитархьама цара ша верна кхоьрура Исхьакх. 8Дуккха а хан яьллера Исхьакх цигахь Іаш волу. Цкъа корехула чухьаьжначу Абу-Маликана гира Исхьакха шен зуда Ребикха хьоьстуш.
9Исхьакх тІе а кхайкхина, Абу-Малика элира: «Иза хьан зуда ю, тхоьга йиша ю хІунда аьлла ахь?»
Исхьакха жоп делира: «Со кхоьрура цуьнан дуьхьа ахь со верна».
10«И хІун ду ахь тхуна динарг? – хаьттира Абу-Малика. – Масала, тхох цхьаъ хьан зудчух кхеттехь, тхо бехке хуьлуьйтур ма дара ахь». 11Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХІокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Іоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», – аьлла.
12Исхьакха, цу лаьтта тІехь къа а хьегна, дІадийначул бІозза сов ялта гулдира цу шарахь, хІунда аьлча Везачу Эло декъалвина вара иза. 13Цуьнан дуккха а хьал вовшахкхийтира. Бахам тІаьхь-тІаьхьа алсамболуш, иза чІогІа вехаш стаг хилира. 14Цуьнан дуккха а даьхни а, ялхой а бара, цундела пІелаштамхой хьоьгура цунах. 15Хьалха ИбрахІима шен ялхошца яьхна ерриг а гІунаш, тІе латта а хьоькхуш, дІаюкъура цара.
16Абу-Малика элира Исхьакхе: «Тхо долчуьра дІагІо, хІунда аьлча тхол дуккха а нуьцкъала хилла дІахІоьттина хьо». 17Цигара дІа а вахана, ГІарар-гІала лаьттачу тогІи чохь шен четарш а хІиттийна, ваха хиира Исхьакх. 18Дуккха а шераш хьалха ИбрахІима алссам гІунаш яьхнера, амма иза веллачул тІаьхьа пІелаштамхоша дІаюькънера уьш, тІе латта а тесна. Исхьакха, уьш схьа а яьстина, шен дас хьалха яьхна цІераш техкира царна. 19Исхьакхан ялхоша тогІи чохь а яьккхира гІу, цу чуьра арадолуш жима татол дара. 20Амма ГІарар-арахь даьхни дажочу Іуша Исхьакхан ялхошца къевсира: «ХІара хи тхан ду», – аьлла. Цундела Исхьакха Іейсекх (иза «къовсар» бохург ду) аьлла, цІе тиллира цу гІунах, хІунда аьлча цара къийсинера цу меттехь. 21Цул тІаьхьа Исхьакхан ялхоша кхин цхьа гІу яьккхира, амма оццу Іуша цунна тІехула а къовсам баьккхира. ТІаккха Исхьакха цу гІунан цІе Ситна (иза «мостагІалла» бохург ду) тиллира. 22Цигара дІа а вахана, кхин цхьа гІу яьккхира Исхьакха. Иза къуьйсуш цхьа а вацара, цундела Рехьабат (иза «паргІат» бохург ду) аьлла, цІе тиллира цунна Исхьакха. Цо элира: «Эххар а Везачу Эло вайна меттиган паргІато елла, цундела вай цу лаьтта тІехь дебар ду».
23ТІаккха цигара а Беар-ШабаІе дІавахара Исхьакх. 24Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза».
25Цигахь сагІа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хІиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гІу яьккхира.
26ТІаккха Исхьакх волчу ГІарар-гІалара Абу-Малик веара, шеца шен хьехамча Ахьузат а, тІеман хьаькам Пихал а валош. 27«Шу хІунда даьхкина? – аьлла, хаьттира Исхьакха. – Хьалха-м мостагІалла ма дара шун соьца, со шайн махкара ара ма ваьккхира аша?»
28«ХІинца тхуна билггала го Веза Эла хьоьца хилар, – элира цара. – Тхуна хьоьца бартбан лаьа. Ахь тхуна дуй баа беза, 29тхуна вон болх бийр бац аьлла, хІунда аьлча оха хьуна а ца дира цхьа а вониг. Оха хьо маьрша дІахийцира. ХІинца тхуна го Везачу Эло хьо декъалвина хилар».
30Исхьакха той а хІоттийна, массара а яа а йиира, мала а мелира. 31Ткъа Іуьйранна хьалххе цара вовшашна дуй биира, цул тІаьхьа Исхьакха хьеший новкъа бехира. Уьш и волчуьра маьрша дІабахара.
32Цу дийнахь схьабаьхкинчу ялхоша Исхьакхе элира, шаьш яьккхинчу гІуна чохь хи карийна шайна аьлла. 33Исхьакха цу гІунан цІе ШабаІ (иза «дуй» бохург ду) тиллира, ткъа гІалех хІинца а олу Беар-ШабаІ.

 

Іесаван зударий

 

34Шен шовзткъа шо кхаьчча, Іесава хьетахойн ши зуда ялийра: Беарин йоІ ЯхІудит а, Эйлонан йоІ Басамат а. 35Цу захалонаша Исхьакхан а, Ребикхин а дегнаш тІехь сингаттам латтабора.

 

27

 

Якъуба Исхьакхе ша декъалвойту

 

1Исхьакх къанвеллера, цуьнан бІаьрса дикка телхинера. Цкъа шен воккхаха волу кІант Іесав схьа а кхайкхина, цо элира: «КІант!»
«ХІун боху ахь?» – жоп делира Іесава.
2Исхьакха элира: «Со къена ву, кестта вала мега. 3Хьайн секхаІад а, пхерчий а схьа а эций, ара а валий, суна экхан жижиг да. 4Суна дукхаеза яа хІума а кечъяй, соьга яийта, тІаккха ас декъалвийр ву хьо, со валале».
5Ребикхина хезира Исхьакха шен кІанте Іесаве дина къамел. Іесав талла вахара. 6Ребикхас элира шен кІанте Якъубе: «Суна хезира, хьан дас Іесаве къамел деш. 7Цо элира цуьнга: „Экхан жижиг а дай, суна яа хІума кечъе, иза йиинчул тІаьхьа Везачу Элана хьалха ас декъалвийр ву хьо, со валале“. 8ХІинца, сан кІант, ла а догІий, ас бохург де: 9вай гезарий лелочу метте а гІой, ши буьхьиг я суна. Ас хьан дена хазахеташ йолу яа хІума кечйийр ю. 10Ахь иза хьайн дена дІахьур ю, тІаккха цо хьо декъалвийр ву, ша валале».
11Амма Якъуба элира Ребикхе: «Сан ваша Іесав дегІа тІехь чо болуш ву, ткъа со вац. 12Нагахь дас сох куьг Іоттахь, цунна хуур ду со Іесав воций, тІаккха декъалваран меттана аса сайна неІалт кхайкхадойтур ду иза леван гІортарна».
13Ребикхас цуьнга элира: «Нагахь иштта хилахь, ас неІалт сайна тІеоьцур ду. Ас хьайга ма-бохху де, вало, схьая буьхьигаш».
14Якъуба, вахана, ши буьхьиг еара шен нанна, ткъа Ребикхас, Исхьакхана езаш ма-хиллара, яа хІума кечйира. 15Шен воккхаха волчу кІанта Іесава лелош долу, цІа чохь долчух тоьлла долу духар, схьа а эцна, жимаха волчу Якъубе тІедохийтира нанас. 16Юха буьхьигийн кхекхий Якъубан куьйгех а, логах а дІахьарчийра цо. 17Цул тІаьхьа ша кечйина яа хІума а, бепиг а Якъубе дІаделира цо.
18Да волчу а вахана, Якъуба элира: «Дада».
Дас хаьттира: «Хьо Іесав вуй?»
19«Ву со Іесав, хьан дуьххьарлераниг, – жоп делира Якъуба. – Ахь ма-аллара, дерриг а кхочушди ас. Хьала а гІаттий, хьайна ас дийначу экхан жижиг даахьа, цул тІаьхьа со декъал а вехьа».
20Амма Исхьакха хаьттира кІанте: «Акхаро ма сиха карий хьуна?»
Якъуба жоп делира: «Везачу Эло, хьан Дала, гІо дира суна иза каро».
21ТІаккха Исхьакха элира Якъубе: «Схьавола суна тІе, ас куьг Іуттур ду хьох, сан кІант, хьо Іесав вуй хьажа». 22Якъуб цунна тІевахара, вукхо, цунах куьйгаш а хьаькхна, элира: «Якъубан санна, аз ду хьан, амма куьйгаш тІехь, Іесаван санна, чоьш ду». 23Исхьакхана Якъуб ца вевзира, хІунда аьлча цуьнан куьйгаш, Іесаван санна, тІехь чоьш долуш дара. Цо Якъуб декъалвира. 24Юха цо хаьттира: «Сан кІант Іесав вуй хьо?»
«Ву», – аьлла, жоп делира Якъуба.
25ТІаккха Исхьакха элира: «Суна экхан жижиг да, иза диинчул тІаьхьа ас декъалвийр ву хьо».
Якъуба цунна яа хІума а, чагІар а делира. Исхьакха хІума а йиира, чагІар а мелира.
26Исхьакха элира Якъубе: «КІант, схьа тІе а волий, барт баккха суна».
27Якъуба, тІе а веана, барт баьккхира дена. Іесаван бедарийн хьожа а кхетта, Исхьакха декъалвира иза:
«Везачу Эло декъалйинчу аренийн хьожа санна ю
сан кІантах йогІу хьожа.
28Везачу Эло кхачам боллуш догІанаш дохкуьйтийла
хьан латта токхе хилийта,
хьуна алссам ялта а, керла чагІар а хилийта.
29Хьуна гІуллакх деш къаьмнаш хуьлийла,
хьуна муьтІахь халкъаш хуьлийла!
Хьо хьайн вежаршна тІехь олалла деш хир ву,
уьш хьуна хьалха охьатаьІна хир бу.
Хьуна неІалт кхайкхош верг неІалт хилла хир ву,
хьо декъалвеш верг декъала хир ву».
30Исхьакха декъал а вина, Якъуб дІавахана дукха хан ялале талла ваханчуьра цІа веара Іесав. 31Шен дена дукхаезаш йолу яа хІума а кечйина, схьавеанчу Іесава элира: «Дада, хІара со ву, хьан кІант. Хьала а гІаттий, айса хьайна дийначу экхан жижиг даа, цул тІаьхьа со декъалвийр ву ахь».
32Амма Исхьакха хаьттира: «Хьо мила ву?»
«Со хьан дуьххьарлера кІант, Іесав ву», – аьлла, жоп делира Іесава.
33Синтем байначу Исхьакха хаьттира: «Ткъа мила вара, хьо вале, яа хІума а кечйина, иза яхьаш веанарг? Ас, хІума а йиъна, декъалвира иза, хІинца иза декъалвина ву».
34Ден дешнаш хезна, оьгІаз а вахана, гІаддайначу Іесаван мохь белира: «ТІаккха со а вехьа декъал, дада!»
35«Хьан вашас леви со, ван а веана, хьуна догІу декъалвар дІа а эцна!» – элира Исхьакха. 36«Лаа ма ца олу цунах Якъуб (и ду „левеш верг“ бохучух тера)! – элира Іесава. – Цо шозза леви со: цкъа соьгара дуьххьара дуьнен чу ваьллачун бакъо дІаийци, ткъа хІинца декъалвар а дІадаьккхи». Юха дега хаьттира Іесава: «Суна цхьа а тайпа декъалвар дитиний ахь?»
37«Дукха тІаьхьа ду, – жоп делира Исхьакха. – Ас Якъубана хьуна тІехь олалла дІаделла. Ас аьлла цуьнга, массо а цуьнан вежарий цуьнан ялхой хир бу. Ас декъалдира цуьнан ялта а, чагІар а. Сан кІант, хьуна дала хІумма а дац сан!»
38Амма, велха а воьлхуш, дега дехарш дора Іесава: «Дада, цхьаъ бен дац хьан декъалвар? Со а вехьа декъал, дада!»
39ТІаккха элира цуьнга Исхьакха:
«Токхе лаьтта тІехь вехар вац хьо,
тоъал догІанаш а хир дац хьуна,
40хьайн дахарехьа тур а буйнахь къийса дезар ду хьан.
Хьайн вешин ялхо хир ву хьо,
амма цунна дуьхьал а гІаьттина,
цуьнан олаллин кІелхьара вер ву хьо».

 

Якъуб Лабан волчу вадар

 

41Іесавана ца вийзира Якъуб, шен метта иза дас декъалвина хиларна. Цо сацам бира: «Сан да кестта лийр ву, тхо доьлхуш а, холчохь а хир ду, ткъа цул тІаьхьа ас сайн ваша Якъуб вуьйр ву».
42Якъуб вер Іесавана дагадеана хилар Ребикхе хаийтира. Цо, Якъубе схьа а кхайкхина, элира: «Хьан ваша Іесав ву хьо вен дагадеана. 43Сан кІант, ахь ас ма-бохху дан деза: сан ваша Лабан ву ХІаран-гІалахь Іаш, сиха иза волчу дІагІо. 44Цигахь Іе цкъачунна, хьайн ваша оьгІазваханчуьра ваставаллалц. 45Хьан вешина ахь цунна динарг дицделча, ас хьуна тІаьхьа ялхо воуьйтур ву. Со хІунда йолуш ю цхьана дийнахь шу шиннех а?»
46Ребикхас элира Исхьакхе: «Дуьне ца го суна и хьетахойн зударий бахьана долуш, нагахь Якъуба а кху махкара хьетахойх зуда ялаяхь, сан ялан бен ца деза!»

 

 

28

 

1Якъуб шена тІе а кхайкхина, иза декъалвинчул тІаьхьа цунна тІедожийра Исхьакха:
«КанаІанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. 2Кхузара дІа а гІой, Падан-Арам олучу метте гІо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цІийне. Цигахь Іаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоІ ялае. 3Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. 4Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахІим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахІимна делла, хьо хІинца тІевеана стаг а хилла Іаш волу латта хьан дола долийла».
5Исхьакха Падан-Араме дІахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Іесаван а нана яра. 6Іесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаІанхо ма ялае аьлла, тІедожинийла а. 7Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дІаваханийла а хиира Іесавана. 8ТІаккха кхийтира Іесав, шайн дена канаІанхойн зударий ца безийла. 9Іесаван ши зуда яра, амма ИбрахІиман кІант ИсмаьІал волчу а вахана, цуьнан йоІ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.

 

Бетал-гІалахь Якъубана гина гІан

 

10Якъуб, Беар-ШабаІера ара а ваьлла, ХІаран-гІала вахара. 11Новкъа воьдуш, суьйре тІе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тІулг а карийна, цу тІе корта а биллина, дІавижира иза. 12ГІенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тІехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. 13Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. 14Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. 15Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац».
16Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХІокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». 17Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хІара! – элира цо, – ХІара Делан цІа ду, стигалан ков ду».
18Іуьйранна хьалххе хьалагІаьттина, ша дІавуьжуш коьрта кІел биллина тІулг ирхберзийна дІахІоттийра цо. Цу тІе даьтта а доьттина, и тІулг Далла лерина битира Якъуба. 19Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цІе Бетал тиллира (иза «Делан цІа» бохург ду).
20Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дІа а, схьа а вогІучу новкъахь Іалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, 21нагахь со могуш-маьрша сайн ден цІа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. 22Ас кхузахь хІара тІулг хІоттийна, цо хІара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгІа дакъа Цунна юха а лур ду ас».

 

29

 

Якъуб Падан-Араме вогІу

 

1Цул тІаьхьа Якъуба кхидІа а бира шен некъ малхбалехьарчу къаьмнийн махка. 2Цунна шера аре гира. Цу арахь гІу яра. ГІуна гонах Іуьллуш кхо жа дара. Цу гІуна чуьра дара царна малош долу хи. ГІунан го дІакъевлина Іуьллуш боккха тІулг бара. 3Дерриг а жаш гулделча, Іуша тІулг дІа а карчабой, уьстагІашна хи маладора. Юха и тІулг ша хиллачу метте буьллура. 4Якъуба хаьттира цу Іушка: «Вежарий, шу мичара ду?»
«ХІаранера ду», – элира цара.
5«Нахьиран кІант Лабан вевзий шуна?» – аьлла, хаьттира Якъуба.
«Вевза», – жоп делира Іуша.
6«Муха Іаш ву иза?» – хаьттира Якъуба.
«Дика Іаш ву, – жоп делира Іуша. – Хьуьлла йогІуш ю цуьнан йоІ Рахьал, уьстагІий а далош».
7Якъуба элира: «ХІинца а де дехха ду, уьстагІий гулдан а хьалхе ду, хи а маладай, дІа а дигий, дажаде уьш».
8Амма Іуша элира: «Дерриг а жаш гулдаллалц собар дан деза тхан. ТІаккха, гІунан гона тІера тІулг дІа а харцийна, уьстагІашна хи малор ду оха».
9Якъуба цаьрца къамел дечу юкъана, ша дажош долу шен ден уьстагІий а далош, Іу йолу Рахьал еара уьш болчу. 10Шен ненавешин Лабанан йоІ Рахьал а, Лабанан уьстагІаш а гина, тІевахана, гІуна тІера тІулг дІа а карчийна, уьстагІашна хи малийра Якъуба. 11Юха, Рахьална барт а баьккхина, вилхира иза. 12Цо дийцира Рахьална, ша цуьнан ден доьзалера хилар а, ша Ребикхин кІант хилар а. Рахьала, едда цІа а яхана, дега дийцира цунах лаьцна. 13Шен йишин кІантах и кхаъ беача, Якъубана дуьхьалвеана, иза мара а воьллина, барт а баьккхина, шен цІа чу вигира Лабана. Якъуба дийцира Лабанна хиллачух лаьцна дерриг а. 14«Мел дика ду хьо сан цІийх а, синах а волуш!» – элира Лабана Якъубе.

 

Якъуба Леа а, Рахьал а ялайо

 

Лабан волчохь дийнна баттахь Іийра Якъуб. 15Цкъа Лабана элира Якъубе: «Маьхза ахь суна болх беш нийса дац, хьо сан гергара стаг велахь а. Алахьа, хІун ло ас хьуна?»
16Лабанан ши йоІ яра: йоккхаха йолу Леа а, жимаха йолу Рахьал а. 17Леа бІаьрса ледара долуш яра, ткъа Рахьал юьхь хаза йолуш а, дегІ куьцехь долуш а яра. 18Якъубана Рахьал езаеллера, цундела цо элира Лабане: «Ас ворхІ шарахь болх бийр бу хьуна, ахь соьга хьайн йоІ Рахьал яийтахь».
19«Кхечуьнга лучул, хьоьга иза ялар гІолехь хир ду. Со волчохь Іе хьо», – элира Лабана. 20Якъуба ворхІ шарахь болх бира Лабанна. Амма и хан масех де долуш санна бен ца хийтира цунна, хІунда аьлча Рахьале болу безам чІогІа бара цуьнан. 21ВорхІ шо хан чекхъяьлча, Якъуба элира Лабане: «Сан зуда схьало, болх бан тоьхна хан чекхъяьлла сан».
22Цигахь Іаш болу нах схьа а кхайкхина, той хІоттийра Лабана. 23Цу буссехь Якъуб волчу шен йоІ Леа йигира цо. Якъуб Леица дІавижира. 24Лабана шен ялхо Залпаъ елира Леина оьшу гІуллакх дайта. 25Іуьйранна Якъубана гира шеца ерг Леа хилар. Цо элира Лабане: «ХІара хІун ду ахьа суна динарг? Ас хьуна дуккха а болх ма бинера Рахьал сайга йоуьйтург. Со ле хІунда ви ахьа?»
26Лабана элира: «Тхо долчу махкахь жимаха йолчу йоьІан бакъо яц йоккхаха йолчул хьалха маре яха. 27Амма ловзаран кІира ахьа чекхдаккхахь, аса Рахьал а дІалур ю хьуна. Иза долайоккхург кхин а ворхІ шарахь суна болх бан беза ахьа».
28Якъуба цо ма-аллара дира: ловзаран Іадат кхочушдира, ткъа Лабана шен йоІ Рахьал дІаелира цунна. 29Шен ялхо Балхьат елира Лабана Рахьална гІуллакх дан. 30Якъуб Рахьалах кхийтира, иза Леэл чІогІа езаелира цунна. Кхин а ворхІ шарахь а Лабанна болх бира цо.

 

Якъубан кІентий

 

31Везачу Элана гора Якъубана Рахьал Леэл чІогІа езаш хилар, цундела Цо Леин бераш хилийтира, ткъа Рахьалан ца хилийтира. 32Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». 33Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». 34Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». 35Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кІант вира Леас. Цуьнан цІе ЯхІуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХІинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тІаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза.

 

 

30

 

1Рахьална гора шен Якъубана дина бер ца хилар. Шен йишех Леэх хьоьгуш, цо элира Якъубе: «Со лийр ю, ахь сан бераш ца хилийтахь!»
2Якъуба элира, Рахьална оьгІаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?»
3ТІаккха Рахьала элира: «Сан ялхочуьнца Балхьатца дІавижа. Нагахь санна цо суна бер дахь, сан а цуьнгахула доьзал хир бу».
4Рахьала шен ялхо Балхьат елира Якъубана, цунах зуда яйта. Якъуб цуьнца дІавижира. 5Доьзалхочух а хилла, Якъубана кІант вира Балхьата. 6«Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). 7Юха доьзалхочух хиллачу Рахьалан ялхочо Балхьата шолгІа кІант вира Якъубана. 8«Дала бахьана а хІоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кІентан цІе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду).
9Шен кхин бер ца хуьлий хиинчу Леас Якъубана шен ялхо Залпаъ елира, цунах зуда яйта. 10Леин ялхочо Залпаа Якъубана кІант вира. 11«Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кІентан цІе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира. 12Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кІант а вира. 13Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду).
14КІа хьокхучу хенахь арахула вогІучу Раабанна дудаъ[14] цІе йолу орамаш карийра. Цо уьш шен нанна Леина схьадеара. Рахьала элира Леига: «Хьан кІанта деана дудаъ-орамаш лохьа суна жимма».
15«Ахь майра а ваьккхина соьгара, – элира Леас, – хІинца сан кІанта деана дудаъ-орамаш а деза хьуна?»
Амма Рахьала жоп делира: «Нагахь хьайн кІанта деана орамаш ахь суна лахь, тховссехь Якъубца дІайижа мегар ду хьуна», – аьлла.
16Сарахь Якъуб арара цІа вогІуш, Леа цунна дуьхьал елира. «Тховса хьо соьца дІавуьжур ву, – элира цо. – Ас сайн кІентан дудаъ-орамаш делла хьох». Цу буса Якъуб Леица дІавижира. 17ТІаккха Леин доІанаш а хезна, Дала юха а доьзалхочух хилийтира иза. Цо Якъубана пхоьалгІа кІант вира. 18Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгІат дина суна». Цо кІентан цІе Иссархан тиллира (иза «совгІат ду» бохург ду). 19Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгІа кІант вира Леас. 20«Дала тамашийна похІма делла суна, – бохура Леас. – ХІинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хІунда аьлча ас ялх кІант вина цунна». Цо кІентан цІе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). 21Цул тІаьхьа Леас йоІ йира, цуьнан цІе цо Дина тиллира.
22Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доІина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. 23Доьзалхочух а хилла, кІант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хІара эхь дІадаьккхи суна тІера». 24Цо кІентан цІе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кІант», – бохура цо.

 

Якъубан даьхни алсамдолу

 

25Юсуп винчул тІаьхьа Якъуба элира Лабане: «ДІавахийтахь со, сайн махка гІур вара со. 26Ас хьуна болх бина болу сан зударий а, бераш а схьалохьа, тІаккха со дІагІур ву. Хьуна ма-хаъара, ас хьуна гІуллакх дика дина».
27«Нагахь хьо суна резавелахь, ма гІохьа дІа, кхузахь Іехьа, – жоп делира цунна Лабана. – Пал тесча, суна хиина, хьо бахьана долуш со Везачу Эло декъалвина хилар. 28Алахьа соьга хьайн мах, ас дІалур бу хьуна».
29Якъуба элира: «Хьуна хаьа, ас хьуна болх дика бина: ас Іалашдар бахьана долуш хьан даьхни дика хилла. 30Со хьо волчу веанчу хенахь хьан хьал дукха дацара, ткъа хІинца хьан иза дуккха а ду. Со варца Везачу Эло декъалвина хьо. ХІинца сайна оьшург дан лаьа суна. Цкъа мацца дина а сайн цІийнан гІуллакх ца дича волий со?»
31«ХІун ло ас хьуна?» – хаьттира Лабана.
Амма Якъуба элира: «Суна хІумма а дала ца оьшу. Ас бохург дан лаахь, соьга кхидІа а хьайн уьстагІий дажадайта. 32Пурба ло суна, тахана хьайн жашкахула чекх а ваьлла, дерриг а махарчий йолу а, къорза а уьстагІий схьаэца, ткъа иштта массо а Іаьржа Іахар а, махарчий йолу а, къорза а гезарий схьаэца а. Иза суна белла мах хир бу. 33ТІейогІучу хенахь хьуна атта хир ду со зен: сан жашка хьажа веача, махарчий йоцу я томмагІаш доцу бож хилахь я Іаьржа боцу Іахар хилахь, хьуна хуур ду, ас иза хьайн лачкъинийла».
34Лабана жоп делира: «Со реза ву, ахьа ма-бохху дийр ду вай».
35Амма оццу дийнахь Лабана массо а къорза а, махарчий йолу а гезарий а, Іаьржа Іахарий а дІа а лачкъийна, шен кІенташка уьш ларде элира. 36Кхаа дийнахь новкъа дІа а бахана, къорза даьхни кхечу метте дІалаьллира кІенташа. Ткъа Якъуб важа даьхни дажош висира. 37ТІаккха Якъуба, толлан а, бІаран а, хьехан а дитташ тІера гаьннаш а даьхна, цхьацца йолчу меттера царна тІера чкъор дІадаьккхира. Гаьннаш тІехь кІайн махарчий йисира. 38Цо и гаьннаш бежанаша хи молучу массо а меттехь охьадохкура. Хи мала деана даьхни циггахь вовшахкхетара. 39Цу гаьннаш хьалха бежалошца цхьаьнакхеттачу гезарша махарчий йолу а, къорза а, томмагІаш долу а дохкана лора. 40И дохкана юьстах а даьккхина, цо важа долу даьхни цхьаьнакхетачу хенахь Лабанан къорза а, Іаьржа а даьхни долчу дІадерзадора. Иштта цуьнан хилира шен даьхни. Лабанан даьхнех дІа а къастийна, уьш юьстахо латтадора Якъуба. 41ХІоразза а жена юкъахь онда даьхни оре деача, цунна хьалха хи молучу нойш чу гаьннаш дохкура Якъуба. Цу гаьннаш хьалха вовшахъэр хуьлура даьхнин. 42Ткъа даьхни гІийла хилча, цунна хьалха гаьннаш ца дохкура цо. ГІийла дохкана Лабанна дуьсура, ткъа онданиг Якъубана хуьлура.
43ЧІогІа хьалдолуш хилира Якъуб, цуьнан даккхий жаш а, дуккха а гІарбашаш а, ялхой а, эмкалш а, варраш а яра.

 

31

 

Якъуб Лабан волчуьра воду

 

1Якъубана хезира Лабанан кІенташа олуш: «Вайн ден долахь дерг дІа а эцна, шена бахам гулбина Якъуба».
2Цул тІаьхьа Якъуба тидам бира Лабан шеца хьалха санна ца хилар. 3Везачу Эло элира Якъубе: «Хьайн дайн лаьтта тІе, хьайн гергарнаш болчу юхаверза. Со хьоьца хир ву».
4Якъуба Рахьале а, Леига а алийтира, шен жаш долчу араяла аьлла. 5Цо элира цаьрга: «Суна го шун да хьалха санна сайца ца хилар, амма сан ден Дела соьца ву. 6Шуна хаьа, ас сайн ницкъ ма-кхоччу шун дена болх бинийла, 7амма цо левора со, иттазза суна бала беза мах хуьйцуш. Делахь а, Дала Іалашвора со цо лелочу вочу хІуманех. 8Нагахь Лабана: „Хьуна луш болу мах къорза даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана къорза хуьлура, ткъа нагахь цо: „Хьан мах махарчий йолу даьхни хир ду“, – аьлча, дерриг а дохкана махарчий йолуш хуьлура. 9Иштта Дала шун дегара даьхни, схьа а даьккхина, суна схьаделира.
10Цкъа даьхни вовшахкхетачу хенахь суна гІан гира: гезарий оре лаьцна бежалой къорза а, махарчий я томмагІаш долуш а яра. 11Делан малико элира соьга гІенах: „Якъуб“. Ас жоп делира: „Со кхузахь ву“, – аьлла. 12Цо элира: „ДІахьажал: гезаршца цхьаьнакхетта ерриг а бежалой къорза а, махарчий я томмагІаш долуш а ю, хІунда аьлча Суна гина Лабана хьуна бина тешнабехк. 13Со Беталахь хьуна дуьхьал хІоьттина волу Дела ву, ахьа тІулга тІе даьтта а доьттина, Суна чІагІо йинчу меттигехь. ХІара латта Іадда а дитий, хьо винчу махка сиха дІагІо“».
14Рахьала а, Леас а элира: «Тхан ден бахамехь тхуна дакъа дан а дуй? 15Гуш дац цунна тхо хийра хетар? Тхо дохка а доьхкина, тхох даьккхинарг дайина ваьлла иза. 16Дала тхан дегара схьабаьккхина бахам вайн а, вайн берийн а бу, цундела Дала хьайга ма-бохху де ахь».
17Бераш а, зударий а эмкалш тІе а ховшийна, 18дерриг а даьхни хьалха а лаьллина, Падан-Арамехь вовшахтоьхна бахам схьа а эцна, шен да Исхьакх волчу, КанаІан-махка дІаваха новкъа велира Якъуб.
19Лабан уьстагІий ларга вахача, Рахьала цуьнан цІахь болу цІуш лачкъийра. 20Якъуба левира арамхо Лабан, ша дІавоьдий а ца хаийтина. 21Иза ведира, шен долахь дерг схьа а эцна. Эпрат-хил дехьа а ваьлла, ГалІад-лам болчухьа дІавахара иза.

 

Лабан Якъубана тІаьхьаволу

 

22КхозлагІчу дийнахь Лабане хаийтира, Якъуб ведда аьлла. 23Шеца гергара нах а эцна, Якъубана тІаьхьавелира иза. ВорхІ де даьлча, ГалІад-лома тІехь иза цунна тІекхечира. 24ГІенах веанчу Дала арамхочуьнга Лабане элира: «Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь». 25Лабан Якъубана тІаьхьакхиира. ГалІад-ломахь шен четарш дІахІиттийнера Якъуба, Лабан а сецира цигахь шен гергарчу нахаца. 26Лабана элира Якъубе: «И хІун ду ахь динарг? Со ле а вина, сан йоІарий, йийсархой санна, дІа ма биги ахь. 27Хьо хІунда ведда къайлаха? Соьга хІунда ца элира ахь? Ас самукъанечу эшаршца, вотанашца, дечиг-пондаршца новкъа воккхур ма вара хьо. 28ДІасакъаьсташ, йоІаршна а, церан берашна а барт баккха аьтто а ца хилийти ахь. Ойла ца еш дина ахь и хІума. 29Сан ницкъ бара хьуна вон болх бан, амма сийсара буьйсанна хьан ден Дала аьлла соьга: „Ларлолахь, айхьа Якъубе олург, ойла а еш, алалахь“. 30Хьо хьайн ден цІа кхача сихвелла дела дІавахана хуьлуьйтур вай, амма сан цІуш хІунда лачкъийна ахь?»
31Якъуба жоп делира Лабанна: «Со ведира, хІунда аьлча со кхоьрура, ахь нуьцкъала хьайн йоІарий сайгара дІабахарна. 32Нагахь хьуна кхузахь цхьаьнгахь хьайн цІуш карабахь, иза вехар вац. Хьайн гергарчу нахана а гуш хьажа, хьан долахь йолу хІума юй соьгахь. Нагахь елахь, юханехьа дІаэца». Якъубана ца хаьара Рахьала цІуш лачкъийнийла. 33Якъубан а, Леин а, шина ялхочун а четарш кІелахь Лабанна хІумма а ца карийра. Юха Рахьалан четар кІел веара иза. 34Рахьал, цІуш эмкалан нуьйра кІел дІа а лачкъийна, царна тІе хиънера. Четар кІелахь леррина лехча, хІумма а ца карийра Лабанна. 35Рахьала элира шен дега: «ОьгІаз ма гІолахь, дада, хьуна хьалха со хьала ца гІаттарна, зударийн лазар долуш ю со». Мел чІогІа лехарх Лабанна ца карийра цІуш. 36ОьгІазвахана волу Якъуб Лабанна тІевирзира: «ХІун ду соьгара даьлларг? Хьо суна тІаьхьавала сан хІун бехк бу? 37Сан долахь дерг дерриг а кегий ахь, хьайн салпалах хІумма а карийн хьуна? Хьайна карийнарг хьан а, сан а гергарчу нахана хьалха охьадилла, цаьрга кхел йойтур ю вайшиммо. 38Ткъа шарахь хьо волчохь Іийна со. Цу хенахь хьан уьстагІий а, гезарий а оста а ца евлла, хьан жаш юкъара кой а ца диъна ас. 39Акхароша цистина даьхни хьуна тІе ца деана ас, зен сайна хилийтина. Ткъа ахь соьга дийнахь а, буса а лачкъийначунна тІера мах токхуьйтура. 40Дийнахь малхо воттуш, буьйсанна шелонна бала хьоьгуш, наб а яйна лелла со. 41Иштта ткъа шарахь Іийна со хьан хІусамехь. Дейтта шарахь хьан шина йоІах а, ялх шарахь даьхнех а болх бина ас, ткъа ахь суна луш болу мах иттазза хийцира. 42Нагахь санна соьца Исхьакх шех кхоьруш волу, сан деден ИбрахІиман Дела а ца хиллехь, ахь со хІумма а ца луш дІавохуьйтур вара. Амма Далла гина сан халонаш а, ас хьегна къа а, сийсара буса Цо бехказваьккхина со».

 

Якъубана а, Лабанна а юкъахь хилла барт

 

43Лабана Якъубана жоп делира: «ХІара зударий сан йоІарий бу, церан бераш а сан ду. Хьуна гуш долу даьхни а, бахам а сан бу. Амма хІун дийр ду ас сайн йоІаршна а, цара динчу берашна а? 44Барт бан беза вайшиммо, иза вайна юкъахь тоьшалла хилла дІахІуттур бу».
45Шайн хилла барт дагахь латто, схьа а эцна, цхьа тІулг дІахІоттийра Якъуба. 46Шен гергарчаьрга а элира цо: «ТІулгаш гулде». Цара, тІулгаш а гулдина, йоккха оьла йира. Юха цу оьланна улло хІума яа охьахевшира уьш. 47Лабана цу меттиган цІе ЕгІар-СахІадута тиллира, ткъа Якъуба цунах ГалІад элира. 48Лабана элира: «ХІара тІулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалІад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду). 49«Вай барт бинчул тІаьхьа дІасадевлча, Везачу Эло терго йойла вайна тІехь», – элира Лабана. Иштта цу меттигах МицІпа аьлла, цІе тиллира цо (иза «терго» бохург ду). 50«Нагахь санна хьо сан йоІаршца вон хилахь я ахь царна тІе зударий балабахь, вайна юкъахь цхьа а вацахь а, хаалахь: Дела Теш ву хьуна а, суна а юкъахь». 51Кхин а элира Лабана Якъубе: «ХІара тІулгийн оьла а, хІара боккха тІулг а бу ас вайшинна юкъахь хІоттийна. 52И тІулгийн оьла а, и боккха тІулг а тоьшалла ду со оцу тІулгел дехьа – хьан агІор вериг ца хилар хьуна зен дан. Хьо а вер вац цу тІулгел сехьа суна зен дан. 53ИбрахІиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна».
Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чІагІо йира Якъуба. 54Цу лам тІехь сагІа а даьккхина, массо а гергара стаг хІума яа кхайкхира цо. Кхачанах а кхетта, цигахь буьйса яьккхира цара. 55Іуьйранна хьалххе йоІарийн берашна а, йоІаршна а барташ а даьхна, уьш декъал а бина, цІа вахара Лабан.

 

32

 

Якъуб Іесавана дуьхьал воьду

 

1Шен некъ кхидІа а бечу Якъубана дуьхьал Делан маликаш кхийтира. 2Уьш гича, Якъуба элира: «ХІара Делан тоба ю!» Цо и маликаш гинчу меттиган цІе Махьанайм тиллира (иза «ши тоба» бохург ду).
3СеІир цІе йолчу махкара Эдом олучу меттехь Іаш волчу шен веше Іесаве хаам бан нах бахийтира Якъуба. 4Цо элира цаьрга: «Сан эле Іесаве иштта ала: „Хьан ялхочо Якъуба боху: ‘Со Лабан волчохь хІара де тІекхаччалц Іийна. 5Сан стерчий а, хьелий а, варраш а, уьстагІий а, гезарий а, ялхой а, гІарбашаш а бу. ХІара кхаъ боуьйту ас хьан къинхетаме сатесна’“».
6Геланчаша, юха а баьхкина, элира Якъубе: «Хьан ваша Іесав волчохь хилира тхо, иза хІинца хьуна дуьхьал вогІуш ву, шеца виъ бІе стаг а валош».
7Воьхна а, кхеравелла а хьаьвзинчу Якъуба шеца болу нах а, даьхни а шина тобане дийкъира. 8Цо ойла йира: «Нагахь Іесав цхьана тобанна тІелатахь, важа, кІелхьара а яьлла, дийна юьсур ю». 9Якъуба элира: «Сан деден ИбрахІиман а, сан ден Исхьакхан а Дела, Веза Эла, Ахь элира соьга: „Хьайн лаьтта тІе, гергара нах болчу юхаверза, Ас дика ваха хаор ву хьо“. 10Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гІаж бен хІумма а яцара, ткъа хІинца сан шина тобане бекъна бахам бу. 11Доьху Хьоьга, сан вешех Іесавах со ларвехьа, хІунда аьлча со кхоьру, ван а веана, иза суна а, зударшна а, берашна а тІелатарх. 12Ахь аьлла ма ду: „Ас хьан аьтто бийр бу, хІордан гІум санна, ягар ца яллал тІаьхье а кхиор ю“».
13Якъуба цигахь буьйса яьккхира, шен долчух вешина Іесавана совгІат а кечдира цо: 14ши бІе газа а, ткъа бож а, ши бІе уьстагІ а, ткъа ка а, 15ткъе итт стен эмкал а, шайн бокъашца, шовзткъа етт а, итт бугІа а, ткъа виркхел а, итт вир а. 16И даьхни тобанашка а декъна, ялхошка дІа а делла, цо элира: «Сол хьалха дІагІо, даьхнина юкъахь меттиг а юьтуш». 17Хьалха воьдучу ялхочуьнга Якъуба элира: «Сан ваша Іесав дуьхьал а кхетта, цо хьайга хаттахь: „Хьо хьенан ву? Стенга воьду? ХІара хьенан даьхни ду ахь дуьгург?“, 18ахь ала: „Хьан ялхочун Якъубан даьхни ду. Хьуна совгІатана доуьйтуш ду хІара, иза ша а ву тхуна тІаьххье схьавогІуш“».
19Иштта шолгІачу ялхочунна а, кхозлагІчунна а, даьхнина тІаьхьа богІучу вукхарна а хьийхира цо ала дезарг: «Аша а иштта ала Іесаве, иза шайна дуьхьалкхетча. 20Кхин тІе а тоха: „Хьан ялхо Якъуб тхуна тІаьхьа вогІуш ву“, – алий». Якъуба ойла йора: «Ас дог кІаддийр ду цуьнан, сайл хьалха хІара совгІаташ а дахьийтина. Юха, тхойша вовшахкхетча, цо со тІеэца мега». 21Иштта совгІаташ хьалха дІа а дахьийтина, шаьш севцначу меттехь буьйса йоккхуш Іийра Якъуб.

 

Якъуб Делах латар

 

22Цу буссехь шен ши зуда а, ши ялхо-зуда а, цхьайтта кІант а эцна, Ябокх цІе йолчу хин гечох дехьавелира Якъуб. 23Доьзал а, шен бахам а хил дехьа баьккхира цо. 24Якъуб ша висинчу хенахь сахиллалц цхьаъ лийтира цунах. 25Шега Якъуб эша ца велча, цу стага, кхуьнан хенах чІогІа куьг а тоьхна, иза чуьрадаьккхира. 26Юха цо элира: «ДІахеца со, арахь серлайолуш ю».
Амма Якъуба элира: «Ахь со декъалваллалц дІахоьцур вац».
27Стага хаьттира: «Хьан цІе хІун ю?»
«Якъуб», элира Якъуба.
28ТІаккха стага элира: «ХІинца дуьйна хьан цІе Якъуб хир яц, Исраил[15] хир ю, хІунда аьлча хьо, Делах а, нахах а летта, кІел ца висира».
29Якъуба элира: «Доьху хьоьга, хьайн цІе йийцахь суна».
Амма стага хаьттира: «Сан цІе хІунда хоьтту ахь?» Цо Якъуб декъалвира. 30Якъуба цу меттиган цІе Пенуал (иза «Делан юьхь» бохург ду) тиллира. Цо элира: «Кху меттехь Делаца юьхь-дуьхьал а нисвелла, дийна висна со».
31Малх цунна тІехула хьалагІаьттира, иза, астагІа а лелхаш, Пенуалехула чекхволуш. 32Цундела ца юу исраилхоша ха долчуьра хьорзам, хІунда аьлча Дала Якъубан цу меттигах куьг тоьхна дела.

 

33

 

Якъуббий, Іесаввий вовшахкхетар

 

1ДІахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бІе стаг а валош, вогІу Іесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дІасадийкъира Якъуба. 2Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хІиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тІехьа хІиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тІехьа даьккхира. 3Хьалхаваьлла дІа а волавелла, шен вешина тІекхочуш, ворхІазза лаьтта тІекхаччалц охьатаьІира иза. 4Амма Іесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хІоьттира. И шиъ вилхира. 5Зударий а, бераш а гина, Іесава хаьттира: «ХІорш муьлш бу хьоьца берш?»
Якъуба элира: «Дела соьца дика а хилла, Цо хьан ялхочунна делла бераш ду уьш».
6Ялхой, шайн берашца тІебаьхкина, охьатаьІира Іесавана хьалха. 7Юха Леа а, цуьнан бераш а тІедаьхкина охьатаьІира. Массарал тІаьхьа тІедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьІира. 8Іесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хІунда даийтира ахь?»
«Хьо резаван лаьара суна, сан эла», – аьлла, жоп делира Якъуба. 9Іесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».
10«ХІан-хІа, ас доьху хьоьга! – элира Якъуба. – Нагахь хьо суна резавелахь, дІаэцахьа соьгара совгІат. Хьан юьхь гар – Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тІеийци ахь. 11Доьху хьоьга, дІаэца соьгара и совгІаташ, хІунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду».
Якъуба чІогІа дехарна Іесава схьаийцира цуьнан совгІаташ. 12Юха Іесава элира: «ХІинца дІагІур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».
13Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гІелделла хилар, цул сов, уьстагІий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хІаллакьхир ду. 14Хьо хьалха дІагІо, со хьуна тІаьххье дІавогІур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТІаккха сан эла волчу, СеІир-махка, кхочур ву со».
15Іесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита».
«Иза оьшуш дац, – элира Якъуба. – Хьо соьца дика хилар гичхьана тоьур ду суна».
16Іесав оццу дийнахь СеІир-махка юхавахара, 17ткъа Якъуб Сакхат цІе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Іан цІа а, бежанашна кІел хІитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.
18Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаІан-махкарчу Шехем-гІала схьакхечира Якъуб. ГІалина хьалха арахь сецира иза. 19БІе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тІехь шен четар дІахІоттийра цо. 20Цигахь сагІа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цІе йолу Исраилан Дела аьлла, цІе тиллира цо.

 

34

 

Якъубан йоІ Дина а, Шехем-гІалара бахархой а

 

1Якъубана Леас йина йоІ Дина яхара меттигера зударий болчу. 2Цу мехкан куьйгалхочун хьаьвихочун Хьамуран кІантана Шехемна гира иза. Цо, схьа а лаьцна, хьийзийра йоІ. 3Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо. 4Шен дега Хьамуре элира Шехема: «И йоІ суна ялаехьа».
5Якъубана хиира шен йоІ Дина хьийзийнийла, амма цуьнан кІентий даьхни дажош арахь бара, цундела хІумма а ца олуш Іара иза уьш цІа бахккалц. 6Шехеман да Хьамур веара Якъубца къамел дан. 7Хилларг шайна хиъча, Якъубан кІентий сихха арара цІа баьхкира. Уьш чІогІа оьгІазбахана бара, хІунда аьлча Исраилан тІаьхьенна юкъахь чІогІа эхье гІуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоІ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. 8Хьамура элира цаьрга: «Даггара шун йоІ езаелла сан кІантана. Доьху шуьга, иза цуьнга маре яийтахьара аш. 9Тхоьца захалонаш леладе: шайн йоІарий тхоьга а бахкийта, тхайнаш шайна а бига. 10Тхуна юккъехь даха ховша – латта шуна хьалха ду. Цу тІехь Іан а Іе, мах а бе, хьал а гулде».
11Шехема элира Динин дега а, вежаршка а: «Шу сайца дика хилийта хІуъа а дийр дара ас, аш боххург лур а дара ас шуна. 12Нускалх муьлхха а там а, совгІаташ а деха, ас дІалур ду шуна, аша иза сайга яийтачхьана».
13Шайн йишин Динин сий дайина дела, Якъубан кІентийн ойла хилира Шехем а, цуьнан да Хьамур а леван. 14Цара элира: «И дойла яц тхан: сунтвазчу стаге тхайн йиша яхийтар эхье ду тхуна. 15Тхо резахир ду, нагахь аш цхьа хІума дахь: шаьш сунт а дина, тхо санна шу хилахь. 16ТІаккха оха шуьга тхайн йоІарий а лур бу, шуниш а балор бу. Шуна юкъахь даха а хевшина, шуьца цхьа къам а хилла Іийр ду тхо. 17Амма шу сунтдан реза ца хилахь, тхайн йиша схьа а эцна, тхо дІагІур ду».
18Цу къамелана резахилира Хьамур а, цуьнан кІант Шехем а. 19Жимачу стага кхин хан ца йолуьйтуш кхочушдира цара аьлларг, хІунда аьлча Якъубан йоІ долаяккха лаьара цунна, ткъа Шехем шен ден хІусамехь уггар лоруш верг вара.
20Хьамур а, цуьнан кІант Шехем а, адам гуллучу метте, шайн гІалин кевне а веана, нахе вистхилира. 21«И нах вайца дика бу, – элира цара. – Вайн лаьтта тІехь Іойла уьш, мах а беш – кху лаьтта тІехь царна тоъал меттиг ю. Вай церан йоІарий балор бу, ткъа цара вайнаш буьгур бу. 22Цхьа халкъ а хилла, вайца Іан реза бу уьш, цхьа хІума дича: нагахь вайн божарий, церанаш санна, сунтбина хилахь. 23Церан жаш а, бахам а, дерриг а даьхни а вайн хир дац тІаккха? Резахила деза вай, тІаккха уьш вайна юкъахь баха ховшур бу».
24ГІалин кевне гулбелларш Хьамура а, цуьнан кІанта Шехема а бохучунна резахилира. ГІалин кевнах арабевлла берриг а божарий сунтбира. 25КхозлагІчу дийнахь, уьш массо а лазаро хьийзош Іохкучу хенахь, гІалара нах шаьш кхерамехь бац моьттуш бара. Ткъа Якъубан ши кІант – ШимІа а, Леви а, Динин вежарий, тарраш а эцна, гІалина тІелетира. Цара массо а божарий хІаллакбира. 26Тур тоьхна Хьамур а, цуьнан кІант Шехем а вийна, церан цІа чуьра Дина схьа а эцна, дІабахара уьш. 27Байина нах болчу чу а оьхуш, Якъубан кІенташа гІали чуьра хІума дІадаьхьира, шайн йиша цигахь хьийзийна дела. 28Цара жаш а, бажа а, варраш а дІадигира, гІалахь а, арахь а дерг дІадаьхьира. 29ГІалин бахархойн хьал а, бераш а, зударий а, цІенош чохь дерг а схьаийцира Якъубан кІенташа.
30ТІаккха Якъуба элира ШимІе а, Левига а: «Аш суна тІе бохам баийтина, кху лаьтта тІехь Іаш болчу канаІанхошна а, перезахошна а со бІаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тІелатахь, цара со а, вай массо а хІаллаквийр ву».
31Амма цара жоп делира: «Цу стагана, нахаца лела зуда санна, хета мегар ду ткъа тхан йиша?»

 

35

 

Якъуб Бетала юхавогІу

 

1Дала элира Якъубе: «Бетал цІе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Іесавах хьо ведда вогІучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечъе цигахь».
2Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДІакхийса шайгахь болу хийра цІуш, цІан а лой, тІера бедар а хийца. 3Цул тІаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гІур ду. Халачу дийнахь сан доІина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь».
4Шайгахь болу хийра цІуш а, лергара чІагарш а Якъубе дІаелира цара. Цо уьш Шехем-гІали уллохь ножан дитта кІел лаьттах дІайоьхкира.
5Юха уьш новкъа бевлира. Дала кхерам тесира царна гонах йолчу гІаланашкарчу нахана тІе, цундела зуламна Якъубан берашна тІаьхьа цхьа а ца велира. 6Якъуб а, цуьнца берш а КанаІан-махкахь йолчу Луз цІе йолчу меттиге (хІинца Бетал) баьхкира. 7Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйира, хІунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хІара шен вешех ведда воьдучу хенахь. 8Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кІел дІайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цІе Іалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).
9Якъуб Падан-Арамера юхавеача, Дала, кхин цкъа а Ша гайтина, декъалвира иза. 10Дала элира цуьнга:
«Хьан цІе Якъуб ю,
амма хІинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац:
хьан цІе Исраил хир ю».
Иштта Дала цуьнан цІе Исраил тиллира. 11Дала элира:
«Со Нуьцкъала Дела ву.
Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба.
Халкъ а, халкъийн доьзал а,
паччахьаш а схьабевр бу хьох.
12ИбрахІимна а, Исхьакхана а делла латта
хьуна дІало Ас,
хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас иза».
13ТІаккха цуьнца къамел дечу меттера дІавахара Дела. 14Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тІулг хІоттийра. Цу тІе Далла лерина чагІар а, даьтта а доьттира цо. 15Дала шеца къамел динчу меттиган цІе юха а Бетал тиллира Якъуба.

 

Рахьал а, Исхьакх а кхалхар

 

16Беталара дІа а бахана, Эпрати-гІалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. 17ЧІогІа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кІант хир ву». 18Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). 19Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза. 20Цуьнан коша тІехь чуртана тІулг хІоттийра Якъуба. И тІулг хІинца а Рахьалан коша тІехь лаьтташ бу. 21Шен некъ кхидІа а бина, Мигдал Іедар олучу меттехь четар хІоттийра Исраила. 22Исраил цу меттехь Іаш волуш, Раабан шен ден ялхочуьнца Балхьатца дІавижира. Исраилна хиира иза.
Якъубан шийтта кІант вара. 23Леас бина кІентий:
Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул.
24Рахьала бина кІентий:
Юсуп а, Бен-Яман а.
25Рахьалан ялхочо Балхьата бина кІентий:
Дан а, Наптал а.
26Леин ялхочо Залпаа бина кІентий:
Гада а, Ашар а.
Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара.
27Кхиръят-АрбаІ (хІинца Хьеврон) уллохь йолу Мамари цІе йолчу меттехь Іачу шен дена Исхьакхана тІевахара Якъуб. Цигахь цхьана хенахь тІевеана Іийнера ИбрахІим а, Исхьакх а. 28Исхьакхан бІе дезткъа шо дара. 29Дуьнен чохь дуккха а хан яьккхина, кхелхича, шен дайх дІакхийтира Исхьакх. Цуьнан кІенташа Іесава а, Якъуба а дІавоьллира иза.

 

Іесаван тІаьхье

 

(1 Шерашкахь 1:34-37)

 

36

 

1Іесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тІаьхье хІара ю. 2КанаІан-махкара зударий балийра Іесава: Іада а, АхІлибам а, Басамат а. Іада яра хьетахочун Эйлонан йоІ. АхІлибам яра Іанин йоІ а, хьаьвихочун ЦІибІонан кІентан йоІ а. 3Ткъа Басамат яра ИсмаьІалан йоІ а, Набуятин йиша а. 4Іадас Іесавана Элипаз вира, Басамата РаІал вира. 5АхІлибама ЕІуш а, ЯІлам а, Кхорахь а вира. КанаІан-махкахь Іесавана бина кІентий бара уьш.
6Шен зударий а, кІентий а, йоІарий а, цІахь болу ялхой а, даьхни а, КанаІанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дІавахара Іесав. 7Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тІебаьхкина Іаш болчу лаьтта тІехь дІатарвала а, ваха а царна хала дара. 8Иштта, дІавахна, СеІир-махкахь ваха хиира Іесав (я Эдом).
9СеІир-лаьмнашкахь Іийначу эдомхойн ден Іесаван тІаьхье хІара ю. 10Іесаван кІентийн цІераш яра:
Іесаван зудчун Іадин кІант Элипаз а, Іесаван зудчун Басаматан кІант РаІал а.
11Элипазан кІентий: Теман, Омар, Цепа, ГаІтам, Кхеназ. 12Іесаван кІентан Элипазан ТамнаІ цІе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Іамалекх вира. Уьш Іесаван зудчун Іадин берийн бераш дара.
13РаІалан кІентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Іесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.
14Іесаван зудчо, Іанин йоІа, ЦІибІонан кІентан йоІа АхІлибама Іесавана бина кІентий бара ЕІуш, ЯІлам, Кхуорахь.
15Іесаван тІаьхьенах баьччанаш бара хІорш:
Іесаван дуьххьарлерачу кІентан Элипазан кІентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ, 16Кхуорахь, ГаІтам, Іамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Іадин берийн бераш а дара уьш.
17Іесаван кІентан РаІалан кІентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаІалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Іесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.
18Іесаван зудчун АхІлибаман кІентий: баьччанаш ЕІуш, ЯІлам, Кхуорахь. Іесаван зудчо, Іанин йоІа АхІлибама, бина баьччанаш бара уьш.
19Уьш Іесаван (Эдоман) кІентий а, церан баьччанаш а бара.

 

Эдомехь Іийначу СеІиран тІаьхье

 

(1 Шерашкахь 1:38-42)

 

20Іесав вале Эдомехь Іийнера хьорихо СеІир. Цуьнан бара кІентий: Лутани, Шубали, ЦІибІон, Іана, 21Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеІиран и кІентий хьорихойн баьччанаш бара.
22Лутанин кІентий: Хьори а, ХІейма а. ТамнаІ Лутанин йиша яра.
23Шубалин кІентий: Іалван, Манахьат, Іейбал, Шапи, Онам.
24ЦІибІонан кІентий: АяхІу, Іана. Шен ден ЦІибІонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Іана вара иза.
25Іанин бераш: Дишон а, Іанин йоІ АхІлибам а.
26Дишонан кІентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.
27Эцаран кІентий: БилхІан, ЗаІван, Іакхан.
28Дишанан кІентий: ІуцІа, Арани.
29Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦІибІон, Іана, 30Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеІир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.

 

Эдом-мехкан паччахьаш

 

(1 Шерашкахь 1:43-54)

 

31Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хІара паччахьаш бара:
32БеІаран кІант БулаІ. Цуьнан гІалин цІе ДинхІаба яра.
33БулаІ велча, цуьнан метта Бацар-гІаларчу Зерахьан кІант Ябаб паччахь хилира.
34Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.
35Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кІант ХІадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тІехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гІалин цІе Іавит яра.
36ХІадад велча, цуьнан метта Масрекха-гІалара Самла паччахь хилира.
37Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гІалара Шаул паччахь хилира.
38Шаул велча, цуьнан метта Іахбаран кІант БаІал-Хьанан паччахь хилира.
39Іахбаран кІант БаІал-Хьанан велча, цуьнан метта ХІадад паччахь хилира. Цуьнан гІалин цІе ПаІу яра. Мезахьабан йоІан Матарадан йоІ Ма-ХІайтІабал яра цуьнан зуда.
40ХІорш ю Іесаван тІаьхьенах болчу баьччанийн цІераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаІ, Іаьлви, Етат, 41АхІлибам, Эла, Пинан, 42Кхеназ, Теман, Мубацар, 43Магдаал, Іирам.
Эдомхойн ден Іесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тІехь шайн-шайн тайпанашца Іаш бара уьш.

 

37

 

Юсупан гІенаш

 

1Якъуб шен да ваьхначу КанаІан-махкахь Іаш вара.
2ХІара ду Якъубан тІаьхьенах хилларг.
ВуьрхІитта шо долу Юсуп шен вежаршца ден уьстагІий а, гезарий а яжош вара. Цуьнца хуьлуш болу цуьнан вежарий Якъубан шиннан зудчун Балхьатан а, Залпаан а кІентий бара. Юсупа шен вежарша дина вон хІума дега дІадуьйцура. 3Исраил (я Якъуб) воккха стаг волчу хенахь дуьнен чу ваьлла вара Юсуп, цундела вукху кІентел дукхавезара цунна иза. Цо Юсупна хаза кечдина духар делира. 4Шайл а алсам дена дукхавезийла хиъча, вежаршна Юсуп ца вийзира, цуьнца бертахь къамел дан а ца лаьара царна. 5Цкъа Юсупна гІан гира. Цо иза вежаршна дийцира, царна Юсуп кхин а чІогІа ца вийзира. 6Цо элира цаьрга: «ЛадогІийша, суна хІун гІан гина. 7Вай кха тІехь цІевнаш доьхкуш дара. ЦІеххьана сан цІов, айа а белла, дІанисбелира, шун цІевнаш, цунна гонах а хІиттина, цунна охьатаьІира».
8Вежарша элира цуьнга: «Хьо паччахь а хилла, тхуна тІехь куьйгалла деш хир ву моьтту хьуна?»
Цуьнан гІан а, иза дийцар а бахьана долуш кхин а чІогІа ца вийзира царна иза.
9Кхин цхьа гІан а гира Юсупна, иза а вежаршна дийцира цо: «ЛадогІийша, кхин цхьа гІан а гира суна: хІинца суна хьалха охьатаьІаш малх а, бутт а, цхьайтта седа а бара».
10Вежаршна дийцина ца Іаш, дена а дийцира цо и гІан. Дас бехк баьккхира цуьнга: «И хІун гІан ду хьуна гинарг? Со а, хьан нана а, хьан вежарий а, дахка а даьхкина, хьуна хьалха охьатаьІар ду ткъа?»
11Вежарий хьоьгура цунах, амма дас дагахь латтадора и хилларг.

 

Вежарша Юсуп вухку

 

12Шайн ден жаш дажо Шехем олучу метте бахара вежарий. 13Исраила элира Юсупе: «Шехемна уллохь жа дажош бу хьан вежарий, хьо царна тІевахийта воллу со».
«Со кийча ву», – жоп делира Юсупа.
14Дас элира цуьнга: «Ваха а гІой, хьажа хьайн вежарий хІун деш бу а, жа муха ду а, юха а волий, суна жоп а да цунах лаций».
Хьеврон-тогІи чуьра Шехеме вахийтира цо Юсуп. 15Цигахь тила а велла, арахула иза лелачу хенахь цунна дуьхьалкхийтира цхьа некъахо. Цо хаьттира Юсупе: «Ахь хІун лоьху?» – аьлла.
16Юсупа элира: «Ас сайн вежарий лоьху. Алахьа соьга, мичахь бу уьш шайн жаш дажош?»
17«Уьш кхузара дІабахна, – жоп делира цу некъахочо. – Суна хезира цара олуш: „Дотане гІур ду вай“».
ТІаьхьаваханчу Юсупна шен вежарий Дотан олучу гІалина уллохь карийра. 18Геннахь Юсуп тІевогІуш а гина, шайна и тІекхачале вежарша барт бира иза вен. 19«Хьуьлла вогІу хІара гІенаш гуш верг! – элира цара. – 20Вен а вийна, гІуна чу кхосса веза вай иза, цІахь иза экхано виъна эр ду вай. ТІаккха хуур ду вайна цуьнан гІенех хІун хуьлу».
21И къамел хезча, Юсуп кІелхьарваккха луучу Раабана элира: «ХІан-хІа, иза вуьйр вац вай». 22Кхин а элира цо: «ЦІий ма Іанаделаш. Яьссачу арара оцу гІуна чу кхосса иза, амма цунна тІе куьг ма айа». Царах иза кІелхьара а ваьккхина, да волчу дІавахийта лууш вара Раабан. 23Юсуп вежаршна тІевеача, цунна тІера еза, хаза кечйина бедарш схьаехира цара. 24Юха чохь хи доцучу, яьссачу гІуна чу кхоьссира иза вежарша. 25ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. 26ЯхІуда элира вежаршка: «Вайна хІун пайда бу, ваша вен а вийна, цунах дерг лачкъийна Іийча? 27Цул а оцу нахана дІавухкур ву вай иза, цунна тІе куьг айа а дезар дац – вайн ваша ма ву иза».
Вежарий резахилира цо аьллачунна. 28ИсмаьІалан тІаьхьенах болу и маданхойн совдегарш тІехбовлучу хенахь вежарша Юсуп, гІуна чуьра хьала а ваьккхина, ткъа детин ахчанах царна воьхкира. Цу наха иза Мисара дІавигира. 29Раабанна ца хаьара хилларг. ГІуна тІе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хІоьттина, шена тІера хІуманаш этІийра цо. 30Юха а веана, цо элира вежаршка: «КІант цигахь вац! Со хІинца дена хьалха муха гІур ву?»
31ТІаккха цара, бож а йийна, цуьнан цІий хьаькхира Юсупан куча тІе. 32Юха, и коч шайн дена тІе а яьхьна, цара элира: «ХІара карийна тхуна. Хьажахь, хьан кІентан юй хІара?»
33Коч евзинчу дас элира: «ХІара сан кІентан коч ю! Иза экхано виъна! Юсуп цистина дІаваьккхина».
34Шена тІера бедарш а этІийна, Іаьржа духар а дуьйхина, дуккха а деношкахь кІантах белхар дира Якъуба. 35Массо а цуьнан кІентий а, йоІарий а иза теван гІертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кІантана сагатдеш, эхарта дІагІур ву со», – бохура цо. КхидІа а белхар дира дас.
36Ткъа цу хенахь маданхоша Мисар-махкахь пирІунан гІаролан хьаькам волчу Патипарна воьхкира Юсуп.

 

38

 

ЯхІуд а, Тамара а.

 

1Цу хенахь шен вежарий болчуьра дІа а вахана, Іадулам олучу меттера волу Хьира цІе йолу стаг волчохь Іаш вара ЯхІуд. 2Цигахь ЯхІудана ШуІа цІе йолчу канаІанхочун йоІ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза. 3Зудчо кІант вича, цуьнан цІе Іаьр тиллира. 4Юха а доьзалхочух а хилла, кІант вира ЯхІудан зудчо. КІентан цІе Онан тиллира цо. 5Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кІант а вича, цуьнан цІе Шейла тиллира цо.
6Шен дуьххьарлерачу кІантана Іаьрана Тамара цІе йолуш зуда ялийра ЯхІуда. 7Амма Шена хьалха Іаьр къиношца Іарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. 8ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта».
9Амма Онанна хаьара оцу тІаьхьенан да ша хир воций, цундела хІоразза а вешин зудчуьнца дІавижча, бер ца хуьлу агІо лелайора цо. 10Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дІаийцира. 11ТІаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кІантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхІуда элира шен несе Тамаре: «Сан кІант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дІа а гІой, йисина Іаш йолу зуда Іа ма-еззара Іе».
Тамара шен ден цІа дІаяхара. 12Дикка хан яьлча, ЯхІудан зуда, ШуІин йоІ, елира. Шен са тийначул тІаьхьа ЯхІуд шен уьстагІий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Іадулам-гІалара цуьнан доттагІа Хьира а вахара цуьнца. 13Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагІий ларга воьдуш ву». 14Йисина Іачу зудчун духар дІа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тІе хІума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Іенаим-гІалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дІа ца ялар. 15Тамара шена гича, цуьнан юьхь дІакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхІудана. 16Зудчунна тІе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дІавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла.
Зудчо хаьттира: «Ахь хІун лур ю суна хьо сайца дІавуьжуьйтург?»
17ЯхІуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна».
Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хІума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»
18ЯхІуда хаьттира: «ХІун закъалт ло хьуна?»
Зудчо жоп делира: «Хьан мухІар а, цу тІера тІийриг а, хьан карара Іаса а оьшу суна».
Цо йоьхург дІа а елла, цуьнца дІавижира ЯхІуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. 19Цигара дІа а яхана, ша тІеоьхкина хІуманаш дІа а яьхна, йисина Іачу зудчун духар тІедуьйхира цо.
20Цу хенахь ЯхІуда шен доттагІа Іадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хІуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагІчунна и зуда ца карийра. 21Цо хаьттира цигарчу нахе: «Іенаим уллохула болучу некъан йистехь Іийна, цІуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда[16] мичахь ю?» – аьлла.
Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».
22ЯхІуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, – боху».
23ЯхІуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».
24Кхо бутт баьлча, ЯхІуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!»
ЯхІуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»
25Амма ша дІаюьгучу хенахь мардена тІе стаг вахийтира Тамарас: «ХІара хІуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДІахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хІара мухІар а, тІийриг а, Іаса а», – аьлла.
26ЯхІудана евзира и хІуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хІунда аьлча ас сайн кІанте Шейле иза дІа ца елира». Кхин цуьнца дІа ца вижира ЯхІуд.
27Доьзалхо хуьлу хан тІекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира. 28Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цІен тай а дихкина, элира: «ХІара хьалхара ву». 29Амма кІанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кІентан цІе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). 30Юха куьйга тІехь цІен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цІе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).

 

39

 

Юсуп а, Патипаран зуда а

 

1ИсмаьІалан тІаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирІунан гІаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара. 2Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хІусамехь вехаш вара иза. 3Цуьнан хІусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гІуллакхаш тІехь гІо деш Иза хилар а. 4Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цІа а, берриг бахам а Юсупе лело дІа а белла. 5ХІусамдас Юсуп куьйгалла дан хІоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хІусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тІе: цІенна а, аренна а. 6Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хІума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хІуманна гІайгІа яцара цунна, ша юучун бен.
Юсуп куц долуш а, хаза а вара. 7Дукха хан ялале хІусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дІавижа аьлла. 8Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цІа чохь йолчу хІуманна гІайгІа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо. 9Кху цІа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хІунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»
10ХІора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дІавижа а, хила а реза ца хуьлура иза. 11Цкъа цІеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гІуллакх а хилла, чувеара Юсуп. 12Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДІавижа соьца!» Амма тІехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп. 13Шегахь бедар а йитина, иза дІаведдийла а гина, 14зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хІара Іебархо вайн цІа чу валийна, ткъа хІара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дІавижа гІерташ вара иза, амма со мохь хьекха хІоьттича, 15шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».
16Юсупан тІеюху хІума шегахь йитира зудчо, хІусамда цІа валлалц. 17Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Іебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гІерташ вара, 18амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза». 19«Хьан лай сан сий дайа гІоьрти!» – бохура зудчо.
Цо дуьйцучуьнга ла а доьгІна, чІогІа оьгІазвахара Патипар. 20Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп.
Иштта набахти чу кхечира иза. 21Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хІара дикачу агІор гайтира Везачу Эло. 22Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тІехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хІоттийра Юсуп. 23Цунна ша тІедиллинчу гІуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хІунда аьлча, Юсупан массо а хІуманна тІехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.

 

40

 

ЧагІардуттург а, бепигдоттург а

 

1Дукха хан ялале Мисаран паччахьан ши ялхо, чагІардуттург а, бепигдоттург а, шайн элана, Мисар-мехкан паччахьна хьалха бехке хиллера. 2ПирІун оьгІазвахнера шен коьртачу чагІардуттучунна а, коьртачу бепигдоттучунна а. 3Цо и шиъ Юсуп чувоьллина волчу, цуьнан элан Патипаран цІенца йолчу набахти чу воллийтира. 4Набахтин коьртачу хьаькамо уьш Юсупе дІабелира. Юсуп церан гІуллакхе хьожуш вара. Чувоьллинчул тІаьхьа жимма хан яьлча, цу шина ялхочунна 5цхьана буса гІан гира. ХІора гІенан шен маьІна дара. 6ШолгІачу Іуьйранна уьш болчу веача, Юсупна гира и шиъ гІайгІане воьжна. 7Шеца шен хІусамден цІа чохь чубоьхкинчу пирІунна уллорчу элашка хаьттира цо: «Тахана сел гІайгІане хІунда ву шуьшиъ?»
8«Тхойшинне а гІан гина, – жоп делира цара, – ткъа цунах дерг кхето стаг вац».
Юсупа элира цаьрга: «Кхетор Делера дац ткъа? Дийцал суна шайн гІенаш».
9Коьртачу чагІардуттучо дийцира Юсупна шен гІан: «Суна гІенах кемсийн таьлланг гира. 10Цу тІехь кхо га дара. Таьлланго заза даьккхира, юха зазанах цу сохьта кемсийн хорханаш хилира. 11Сан карахь пирІунан кад бара. Ас, кемсаш а яьхна, кеда чу мутт а даьккхина, пирІуне кад дІабелира».
12«Цуьнан маьІна иштта ду, – элира цуьнга Юсупа. – Кхо га – иза кхо де ду. 13Кхо де даьлча, пирІуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дІахІоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирІуне кад дІалур бу. 14Амма ас доьху хьоьга, хьайна дика хан тІееача, со дага а ваийтий, суна дика болх хилийтархьама пирІуне со хьахавелахь, набахти чуьра араваккха алий. 15Іебархойн махкара нуьцкъах схьавалийна со, кхузахь а набахти чуволлал хІума а ца даьлла соьгара».
16Юсупа динчу маьІнина реза а хилла, коьртачу бепигдоттучо элира цуьнга: «Суна а гира гІан: ас коьрта тІехь латтош кхо тускар дара, чохь бепиг а долуш. 17Лакхарчу тускар чохь пирІунна деттина бепиг дара, амма иза олхазарша, зІакарш а етташ, дууш дара».
18«Цуьнан маьІна иштта ду, – элира Юсупа. Кхо тускар – иза кхо де ду. 19Кхо де даьлча, хьо а пирІуно лаккха хьалаойур ву – хьокханна тІе а хаийна, ткъа олхазарша хьан дегІах зІакарш еттар ю». 20Кхо де даьлча, пирІунан вина де дара. Цо той хІоттийра шена уллорчарна. Уьш гонах а болуш, пирІуно лаккха хьалаайира коьрта чагІардуттург а, коьрта бепигдоттург а. 21Коьрта чагІардуттург шен хьалхалерчу метте дІахІоттийра цо, вукхо юха а пирІунан кара кад белира. 22Ткъа коьрта бепигдоттург хьалаоьллира, Юсупа маьІна деш ма-аллара. 23Амма коьртачу чагІардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера.

 

41

 

ПирІунан гІенаш

 

1Дийнна ши шо чекхдаьлча, пирІунна гІан гира: ша Нил цІе йолчу хина йистехь лаьтташ, 2хи чуьра берстана а, хаза а ворхІ етт, хьала а баьлла, эрзашкахь бажа хІоьттира. 3Царна тІаьххье кхин ворхІ етт схьабелира Нил чуьра. И бежанаш гІийла а, ирча а дара. Берда тІехь вукхарна юххе дІахІиттира уьш. 4ГІийлачу бежанаша дерстанаш диира. Эццахь пирІун самавелира.
5Юха иза дІавижча, кхин гІан гира цунна: цхьана гІода тІехь буьззина а, хаза а ворхІ кан бара. 6Юха царна тІаьххье хьалабелира кхин ворхІ кан. Уьш гІийла а, малхбалерчу мохо багийна а бара. 7ГІийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дІадиира. Самаваьллачу пирІунна иза гІан дуйла хиира. 8Іуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гІенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьІна дан ца хиира.
9ТІаккха коьртачу чагІардуттучо элира пирІуне: «ХІинца суна дагадеа со бехке хилар. 10Цхьана хенахь пирІун оьгІазвахнера шен ялхошна. Со а, коьрта бепигдоттург а пирІунан гІаролан хьаькаман цІенца йолчу набахти чу воллийтира. 11Суна а, сан накъостана а набахтехь цхьана буса гІан гира. ХІора гІан шен маьІна долуш дара. 12Тхоьца чувоьллина гІаролан хьаькаман ялхо волу къона Іебархо вара. Оха цунна тхешан гІенаш дийцира, цо церан маьІна дира. 13Цо ма-дийццара нисделира дерриг а: со сайн балха схьавеара, соьца чувоьллина хилларг хьалаоьллира».
14ПирІуно Юсупна тІаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тІе цІена хІума а юьйхина, пирІунна тІевахара Юсуп.
15ПирІуно элира Юсупе: «Суна гІан гина, амма цхьаьнгге а цуьнан маьІна ца дало. Суна хезнера хьох лаьцна, хьо гІенех дерг девзаш а, церан маьІна дан хууш а ву бохуш».
16Юсупа жоп делира: «Соьга далалур дац, Дала лур ду пирІунна дика жоп».
17ПирІуно дийцира Юсупна: «Суна гІенах со Нилан берда тІехь лаьтташ гира. 18ЦІеххьана, хи чуьра хьала а баьлла, хаза а, берстана а ворхІ етт эрзашкахь бажа хІоьттира. 19Царна тІаьххье цкъа а суна Мисар-махкахь гина боцу, чІогІа ирча а, оза а ворхІ етт хьалабелира. 20Хьалха хьаладевлла, хаза а, нисделла а бежанаш цу гІийлачу, ирчачу бежанаша диира. 21Амма цаьрга хьаьжча, цхьаммо а эр дацара цара уьш диъна: шаьш хьалха ма-дарра ирча дара и бежанаш. Эццахь со самавелира.
22Юха суна гІенах цхьана гІад тІехь хьалабаьлла хаза а, буьззина а ворхІ кан гира. 23Царна тІаьххье хьалабелира бекъа а, гІийла а, малхбалерчу мохо чахчийна а ворхІ кан. 24ГІийлачу кенаша дуьззина дерш дІадиира.
Ас бозбунчашка дийцира иза, амма цхьанна а маьІна дан ца хиира цуьнан».
25Юсупа элира пирІуне: «И ший а гІан цхьана хІуманах лаьцна ду. Дала хьуна схьадиллина Ша дан воллург. 26ВорхІ дика етт а, ворхІ дика кан а – иза ворхІ шо ду. И ший а гІан цхьаннах лаьцна ду. 27Ткъа вукхарал тІаьхьа хьалабаьлла болу ворхІ гІийла а, ирча а етт а, ворхІ гІийла а, малхбалерчу мохо чахчийна кан а – иза ворхІ шо ду. Мацалла хІоьттина ворхІ шо. 28Дала пирІунна Ша дан воллург схьадиллина аьлла, ас бохург хІара дара. 29Мисар-махкахь шорто йолуш, токхе ворхІ шо тІекхочуш ду. 30Юха тІедогІу ворхІ шо мацалла йолуш хир ду. Шорто хилла хилар дицлур ду – мацалло дерриг а латта дассор ду. 31Шорто йицлур ю цунна тІаьххье йогІун йолу мацалла бахьана долуш, хІунда аьлча мацалла луьра хир ю. 32ПирІунна гІан шозза гаран маьІна ду Делан сацам хилла чекхбалар а, Цо иза кестта кхочушбийриг хилар а.
33ХІума хууш а, хьекъал долу а стаг а лехна, Мисар-махкахь куьйгалла дан иза хІотто веза ахь. 34Шорто йолчу ворхІ шарахь Мисар-махкахь кхиъначу ялтин пхоьалгІа дакъа схьагулдеш, нах арабаха беза. 35Оцу дикачу шерашкахь цара ялта гул а деш, пирІунан омрица гІаланашкахь кІа Іалашдан деза. 36Гулдина ялта дІадиллина хир ду, мацалла тІееанчу ворхІ шарахь Мисар-махкара адам хІаллак ца хилийта».

 

Юсуп Мисар-мехкан куьйгалхо хуьлу

 

37ПирІуно а, цунна гонах болчу элаша а, реза а хилла, тІетодира Юсупа аьлларг. 38Шен элашка пирІуно хаьттира: «ХІара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?»
39ТІаккха пирІуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хІуманах кхеташ а стаг вац. 40Ас сайн цІенна тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац».
41ПирІуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо». 42Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. 43Шен шолгІа гІудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирІуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирІуно Мисар-махка тІехь куьйгалхо хІоттийра Юсуп. 44ПирІуно элира Юсупе: «Со пирІун ву, амма берриг а Мисар-махкахь хьан бакъо йоцуш цхьа а меттахвала а ваьхьар вац».
45Цо Юсупна керла цІе елира – Цапнат-ПаІнахь аьлла. Ана цІе йолчу гІалин динан да волчу ПатипараІан йоІ Аснат ялийра пирІуно Юсупна. Иштта Юсуп берриг а Мисар-махкана тІехь урхалла деш хилира. 46Юсупан ткъе итт шо дара, Мисаран паччахьна гІуллакх дан иза вахача. ПирІун волчуьра араваьлла, берриг а Мисар-махкахула чекхвелира иза. 47Шорто йолчу ворхІ шарахь лаьтто дуккха а ялта делира. 48Оцу ворхІ шарахь кхиъна ялта, гул а деш, гІаланашкахь охьадуьллура Юсупа. Луларчу аренашкахь кхиъна ялта хІора гІалахь охьадуьллура цо. 49ХІордан гІум санна, дукха дара Юсупа гулдина кІа. Цо иза, дагар а ца деш, дитира, хІунда аьлча дагар ца даллал иза дукха хиларна.
50Мацалла хІутту шераш тІекхачале Ана цІе йолчу гІалин динан ден ПатипараІан йоІа Асната ши кІант вира Юсупна. 51Дуьххьарлерачу кІентан цІе Маннаш тиллира Юсупа (иза «дицдайтар» бохучух тера ду). Цо бохура: «Дала сайна хилла халонаш а, ден цІа а дицдайтина соьга». 52ШолгІачу кІентан цІе Эпрам тиллира цо (иза «дебийтар» бохург ду). Юсупа бохура: «Ас бала хьегначу махкахь Дала дебийтина со».
53Мисарахь шорто йолу ворхІ шо чекхделира. 54Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхІ шо дІадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хІума яцара. 55Амма ерриг а Мисарахь мацалла хІоьттича, адам пирІунна тІедахара ялта доьхуш. Цо элира мисархошка: «Юсупна тІе а гІой, цо бохург де».
56Берриг а махкахь мацалла яра. Юсупа мисархошна кІа доьхкира, иза дІадиллина меттигаш схьа а йиллина, хІунда аьлча Мисарахь чІогІа мацалла хІоьттинера. 57Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кІа эца богІура, хІунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра.

 

42

 

Юсупан вежарий Мисар-махка боьлху

 

1Мисарахь кІа дуйла шена хиъча, Якъуба элира шен кІенташка: «Шу вовшашка хьоьжуш хІунда Іа? 2Суна хезна, Мисар-махкахь кІа ду бохуш. Даха а гІой, цигара иза эца, вай мацалла ца далийта».
3Юсупан итт ваша Мисара вахара кІа эца. 4Якъуба Юсупан нанас вина ваша Бен-Яман цІахь витира. Цунна цхьа вон болх хиларна кхоьрура иза. 5Иштта Исраилан кІентий дуккха а кхечу нахана юкъахь кІа эца баьхкира, хІунда аьлча КанаІан-махкахь мацалла яра. 6Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кІа духкуш вара иза. ДІакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьІира. 7Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» – хаьттира цо.
«КанаІан-махкара даьхкина тхо ялта эца», – аьлла, жоп делира цара. 8Юсупна шен вежарий бевзинехь а, царна иза ца вевзира. 9Царах долу шен гІенаш дага а даьхкина, Юсупа элира: «Шу ямартхой ду! Тхан пачхьалкхан ледара агІонаш хаа а, долчун терго ян а даьхкина шу!»
10«ХІан-хІан, эла, – жоп делира вежарша. – Хьан ялхой долу тхо ялта эца даьхкина. 11Тхо дерриш а цхьана ден кІентий ду. Хьан ялхой цІена нах бу, ямартхой бац».
12Юсупа юха а элира: «ХІан-хІан, шу тхан махкахь ледара хІума хІун ду хьажа даьхкина».
13Амма цара жоп делира: «ХІан-хІан, тхан доьзалехь шийтта ваша вара, КанаІан-махкахь Іаш волчу цхьана дех схьаваьлла. Жимаха верг хІинца деца ву, ткъа цхьаъ кхелхина».
14Юсупа элира цаьрга: «Ас аьллий, шу ямартхой ду! 15Шу бакъ ду я дац иштта къастор ду ас: дийна волчу пирІунах дуй буу ас, шу кхузара дІагІур ма дац, шун жимаха волу ваша кхуза схьаваллалц. 16Цхьаъ вешина тІаьхьа вахийта, вуьш набахти чохь Іийр бу. ТІаккха хуур ду суна, аш дуьйцург бакъ ду я дац. Нагахь даций, дийна волчу пирІунах дуй буу ас, шу ямартхой ду аьлла!»
17Вежарий кхаа денна чубохкийтира цо. 18КхозлагІчу дийнахь Юсупа элира цаьрга: «Ас бохург дахь, дийна дуьсур ду шу, хІунда аьлча со Делах кхоьру. 19Нагахь шу цІена нах делахь, шух цхьаъ набахти чохь саца веза, ткъа вуьш мацалла ловш болчу шайн доьзалшна кІа дІаэцна баха беза. 20Амма шайн жимаха волу ваша схьавало веза аш, шаьш дуьйцург бакъ дуй хаийтархьама а, дийна дисархьама а». Иштта дан а дира цара. 21Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таІзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгІира. ХІинца вайна бохам хилла».
22Раабана элира: «Ас баьхнера шуьга – кІант бахьана долуш шайх къа ма латаде, амма аш ла ца дуьйгІира! ХІинца цунна тІехула вайна бекхам хуьлуш бу».
23Царна дагахь а дацара Юсуп шайх кхеташ хилар, хІунда аьлча цо цаьрца къамел гочдархочуьнгахула дора. 24Иза, дІа а вирзина, вилхира, юха, схьа а вирзина, цаьрца къамел дан хІоьттира. Царах ШимІа, схьа а къастийна, церан бІаьргашна хьалха дІавихкира цо. 25Церан тІоьрмигаш чу кІа а дилла, хІораннан ахча а цигга чудилла, некъана оьшург а ло аьлла, омра дира Юсупа. Дерриг а цо ма-аллара кхочушдира. 26КІа варраш тІе а диллина, новкъа бевлира уьш. 27Буьйса яккха севцича, вежарех цхьаммо галин бертиг яьстира вирана хІоъ бала дагахь. Цунна гали чохь шен детин ахча карийра. 28«Сан дети юхадеана! – элира цо вежаршка. – ХІара ду и, сан гали чохь».
Кхерабелла, дегнаш схьалелха а дохкуш, бегош вовшашка а хьоьжуш, бохура цара: «ХІара хІун ду Дала вайна динарг?»
29Шайн да Якъуб волчу КанаІане юха а баьхкина, шайца хилларг дерриг а дийцира цара: 30«Цигарчу махкахь куьйгалхо волчу стага, буьрса къамел а дина, тхоьга элира: „Ямартло ян даьхкина шу!“ 31Амма оха жоп делира цуьнга: „Тхо цІена нах ду, ямартлонна даьхкина дац. 32Тхо шийтта ваша вара, цхьана ден кІентий. Цхьаъ воцуш ву, жимаха верг деца КанаІан-махкахь ву хІинца“. 33ТІаккха цу мехкан куьйгалхочо элира тхоьга: „Шу цІена нах ду я дац иштта хуур ду суна: шайн цхьа ваша кхузахь а витий, мацалла ловш болчу доьзалшна ялта схьа а эций, шайн новкъа дІагІо. 34Со волчу шайн жимаха волу ваша валаве, тІаккха хуур суна шу цІена нах дуйла. Цул тІаьхьа ас шун ваша дІа а лур ву, кху махкахь мах а лелабойтур бу“».
35Галеш дІасадохуш, хІоранна а дети чохь долу шен бохча карийра. Дети а гина, церан да а, уьш а кхерабелира. 36Якъуба элира цаьрга: «Аш сайн берех ваьккхи со, Юсуп а вац, ШимІа а вац, ткъа хІинца Бен-Яман а схьаэца гІерта шу. Дерриг а суна дуьхьал даьлла!»
37Раабана элира дега: «Нагахь ас Бен-Яман хьуна юха ца валавахь, сан ши кІант вен мегар ду хьуна. Соьга жоп далийтахь цунах, ас иза юхавалор ву хьуна».
38Амма Якъуба элира: «Сан кІант хьоьца цига гІур вац, цуьнан ваша велла, иза ша висна. Нагахь новкъахь цунна цхьаъ хилахь, соьга иза лан лур дац, сингаттамехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша».

 

43

 

Вежарий шолгІа а Мисар-махка бахар

 

1Луьра мацалла яра цу махкахь. 2Мисарара деана дерриг а кІа шаьш диъча, дас кІенташка элира: «Даха а гІой, кхин а ялта эца вайна».
3Амма ЯхІуда элира цуьнга: «Цу стага тхоьга буьрса схьахьедина: „Шуна сан юьхь гур яц, нагахь шуьца схьавеана шун ваша ца хилахь“. 4Нагахь ахь тхоьца ваша ваийтахь, оха, дахана, хьуна юург оьцур ю. 5Амма ахь иза ца ваийтахь, тхо гІур дац, хІунда аьлча цу стага аьлла тхоьга: „Шуна сан юьхь гур яц, шуьца шун ваша ца хилахь“».
6«И бала хІунда беана аш суна тІе, шайн кхин цхьа ваша ву а аьлла?» – хаьттира Исраила[17].
7Цара жоп делира: «Цу стага тхох а, вайн доьзалх а лаьцна дерриг а хоьттура тхоьга: „Шун да хІинца а дийна вуй? Кхин цхьа ваша вуй шун?“ Оха цуьнан хаттаршна жоп лора. Хьанна хаьара, цо эр дуй: „Схьавалаве кхуза шайн ваша“, – аьлла?»
8ЯхІуда элира шен дега Исраиле: «Ахь кІант соьца ваийтича, тхо оцу сохьта дІагІур дара, тхо а, вайн бераш а лечуьра кІелхьардаха. 9Ас жоп лур ду Бен-Яманах, соьгара хоттур ахь цунах дерг. Нагахь санна ас, схьа а валийна, кІант хьоьга дІа ца лахь, хьуна хьалха со хир ву бехке велла дІаваллалц. 10Вай сихо йина хиллехьара, тхо, шозза дІа а дахана, юхадаьхкина хир дара».
11ТІаккха церан дас Исраила элира: «Нагахь гІуллакх иштта делахь, хІокху вайн лаьтто луш долу тоьлла сурсаташ оцу стагана дІахьо: дарбане хьакхар а, моз а, хаза хьожа йогІу бецаш а, деза даьтта а, тайп-тайпана бІараш а. Царах шайн некъан мохь кечбе. 12ХІинца доьлхуш шозза сов дато ахча хьо, хьалха шаьш цІа деанарг а юха дІахьо: иза цхьана гІалатца галдаьлла хила мега. 13Шайн ваша схьа а эций, сихонца цу стагана тІегІо. 14Нуьцкъалчу Дала гІо дойла шуна, мехкан куьйгалхочунна хьалха шу хІиттича, шун вукху вешина а, Бен-Яманна а шуьца цІа ван пурба лойла Цо. Нагахь санна берех вала суна доьгІнехь, царах волийла со».
15СовгІаташ а, хьалхачул шозза сов дети а, Бен-Яман а схьа а эцна, сиха Мисар-махка дІабахара вежарий. Уьш, дІа а кхаьчна, Юсупна хьалха хІиттира. 16Цаьрца веана Бен-Яман гича, Юсупа шен цІийнан куьйгалхочуьнга элира: «ХІара нах сан цІа дІа а бигий, бежана а дей, яа хІума кечъе. Делкъахенахь соьца хІума юур ю кхара». 17Цу стага шена тІедиллинарг кхочуш а дина, уьш Юсупан цІа бигира.
18Вежарий кхерабелира, шаьш цуьнан цІийне балийча. Царна дагадеара: «Дуьххьара даьхкича, вайн галеш чу дети кхачар бахьана долуш далийна вай кхуза. ТІелетта, вай эша а дина, вайх леш а бина, вайн варраш дІаяха гІерта и стаг». 19ТІе а бахана, Юсупан цІийнан куьйгалхочуьнга элира цара хІусаман неІарехь: 20«ЛадогІахь, эла! Тхо цкъа даьхкинера кхуза ялта эца. 21Амма буьйса яккха севцначохь, оха галеш схьадаьстича, тхешан дато ахча ма-дарра карийра тхуна. Цундела хІинца оха иза юхадеана. 22Кхин а деана оха ялта эца дети. Тхуна ца хаьа тхешан галеш чу ахча хьан диллина».
23Ялхочо жоп делира: «Шу кхера оьшуш хІумма а дац. Шун а, шун ден а Дала делла шуна галеш чохь карийна ахча, ткъа ас шуьгара дато ахча хьалха шу даьхкича схьаийцира». Цул тІаьхьа цо уьш болчу ШимІа схьавалийра. 24ЦІийнан куьйгалхочо вежарий Юсупан цІа чу бигира. Царна когаш била хи а, церан варрашна хІоъ а белира цо. 25Юсуп схьавале вежарша совгІаташ кечдира, хІунда аьлча цаьрга аьллера, цигахь хІума юур ю аьлла. 26Юсуп цІа веача, совгІаташ дІа а делла, лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьатаьІира уьш. 27Цаьрга маршалла а хаьттина, Юсупа элира: «Аш хьалха соьга вийцина шун къена да муха ву? Дийна вуй иза?»
28Цара жоп делира: «Хьан ялхо, тхан да, дийна а, могуш а ву». Юсупе болчу ларамна лохха охьатаьІира уьш.
29ДІасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХІара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кІант». 30Шен веше йолу марзо лачкъорхьама, сихха ара а ваьлла, цхьа а воцучу меттехь вилхира иза. 31Юха шен юьхь а йилина, схьавеана, собаре а хилла, цо элира: «Яа хІума схьая!»
32Цунна къастийна елира яа хІума, вежаршна а, мисархошна а къастийна елира, хІунда аьлча мисархошна хьарам хетара Іебархошца хІума яар. 33Вежарий Юсупна дуьхьал ховшийнера, вокх-воккханиг хьалха а хаош. Уьш, цец а бевлла, хьоьжура вовшашка. 34Юсупан стоьла тІера яа хІума елира царна, Бен-Яманна луш ерг вукхарна лучул пхоьазза сов яра. Юсупца самукъадаллалц молуш Іийра уьш.

 

44

 

Гали чохь карийна дато кад

 

1Юсупа элира шен цІийнан куьйгалхочуьнга: «Цу нехан галеш чу яхьа мел ло яа хІума а йилла, церан дети юха галеш чу а дилла. 2Сан дато кад жимаха волчун гали чу билла цо кІенах дала деанчу ахчанца цхьаьна». Цо ма-бохху гІуллакх кхочушдира ялхочо. 3Са ма-хилла, вежарий шайн варрашца новкъа бехира. 4Уьш гІалина гена ца бевллера, Юсупа шен цІийнан куьйгалхочуьнга аьлча: «Сихха оцу нахана тІаьхьа а гІой, тІекхаьчча, ала цаьрга: „Шайна динчу диканна дуьхьал вон хІунда дина аш? 5Сан элан дато кад хІунда лачкъийна аш?[18] Цо чуьра молуш а, пал тосуш лелош а кад ма бу иза! Аш динарг вон хІума ду!“»
6ТІаьхьа а кхиъна, ялхочо элира цаьрга и дешнаш. 7Вежарша жоп делира: «Иштта хІунда боху ахь? И санна долу хІума оха цкъа а дийр дацара. 8КанаІан-махкара дуьйна тхайн галеш чохь карийна дети юхадеана оха. Хьан элан цІа чуьра дети я деши оха хІунда лачкъор ду? 9Нагахь и кад цхьаннан гали чохь хьуна карабахь, и стаг лийр ву, ткъа тхо хьан леш хир ду».
10Ялхочо элира: «Дика ду, аш ма-бохху дийр ду вай: цхьаьнгахь кад карабахь, иза сан лай хир ву, ткъа биснарш маьрша хир бу». 11Вежарша шайн галеш, лаьтта охьа а дехкина, схьадаьстира. 12Воккхачунна тІера жимачунна тІекхаччалц кад лаха волавелира Юсупан цІийнан куьйгалхо. Кад Бен-Яманан гали чохь карийра. 13Холчу хІиттина, шайна тІера хІуманаш этІийра вежарша. Юха, шайн варраш тІе маххьаш а дехкина, гІала юхабаьхкира уьш. 14Юсупан цІа чу схьабаьхкира ЯхІуд а, цуьнан вежарий а. Иза дІавахаза цІахь вара. Цунна хьалха гораийгира уьш. 15Юсупа элира цаьрга: «И хІун ду аш динарг? Со санна волчу стагана муьлхха а хІума, пал тесча, хуур дуй ца хаьа шуна?»
16ЯхІуда жоп делира: «Тхан ала хІума дац хьоьга, эла. Тхайн бехк ца хилар муха хоуьйтур ду оха? Далла хиъна, шен ялхойн бехк буйла. ХІинца тхо а, кад шегахь карийнарг а хьан леш ду-кх, эла».
17Юсупа элира: «И саннарг дийр дац ас! Шегахь сан кад карийнарг хир ву сан лай, ткъа шу шайн да волчу маьрша дІагІо».

 

ЯхІуда вежарех лаьцна дехар до

 

18ТІаккха ЯхІуда, тІе а вахана, элира цуьнга: «Сан эла, доьху хьоьга цхьа дош алийтар. Хьо пирІуне кхоччуш велахь а, хьайн ялхочунна оьгІаз ма гІолахь. 19Тхо хьалха кхузахь долуш ахьа хаьттира тхоьга: „Шун да а, ваша а вуй?“ – аьлла. 20Оха жоп делира: „Къена да а ву, иза воккха волчу хенахь хилла жима ваша а ву“, – аьлла. Тхан дена къаьсттана дукхавеза и жимаха волу кІант. Цу кІентан нанас вина ваша вала а велла, ша цхьаъ висна иза. 21ТІаккха ахьа элира тхоьга: „Схьавалаве иза кхуза, со цуьнга хьажийта“. 22Оха хьуна жоп делира: „Да а витина вогІийла дац цу кІентан. Нагахь иза вагІахь, да лийр ву“. 23Амма ахьа тхоьга элира: „Шун ваша шуьца кхуза схьаваллалц, шуна сан юьхь гур яц“. 24Тхайн да волчу а дахана, ахьа аьлларг дІадийцира оха. 25Дас элира тхоьга: „Юха а гІой, жимма ялта эца“, – аьлла. 26Амма оха жоп делира: „Жимаха волу ваша а эцна бен гІойла дац тхан цига. Цу стеган юьхь гойла хир дац, тхоьца жимаха волу ваша ца хилахь“. 27ТІаккха дас тхоьга элира: „Шуна хаьа сан зудчо суна ши кІант винийла. 28Цу шиннах цхьаъ цІера ваьлча, ас элира: ‘Иза акхароша цистина хир ву’, – цул тІаьхьа суна иза ган а ца гира. 29ХІинца аша важа а дІа а вигна, цунна вон болх хилахь, соьга иза лалур дац. Баланехь болу сан къоьжа корта эхарте кхочуьйтур бу аша“. 30И кІант къаьсттина дукхавезаш, цунна чу са диллина ву тхан да. Цундела иза а воцуш тхо цІа гІахь, 31тхан дена иза тхоьца воцийла хаахь, иза лийр ву. Хьан лейн бехкенна баланехь волчу тхан ден къоьжа корта эхарте кхочур бу. 32Ас дош деллера цунна, кІант ларвийр ву аьлла. „Нагахь ас хьуна иза схьа ца валавахь, велла дІаваллалц хьуна хьалха бехке хир ву со, дада“, – аьлла ас. 33Цундела ас доьху хьоьга, эла, кІант вежаршца дІа а вахийтий, цуьнан метта кхузахь хьайн лай со витахь. 34Со муха гІур ву дена хьалха, сайца кІант а воцуш? Сайн дена хиндолчу вочунна теш хила ца лаьа суна».

 

45

 

Юсупа вежаршна ша вовзуьйту

 

1ТІаккха Юсупа, ялхой болчохь кхин са а ца тохаделла, мохь туьйхира: «ДІадовла суна гучуьра!» Царах цхьа а чохь вацара, Юсупа ша вежаршна вовзийтича. 2Иза чІогІа вилхира, мисархошна а, пирІунан цІенна а хезара цуьнан белхар. 3Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора. 4ТІаккха Юсупа элира: «Суна тІедуьйлийша». Уьш тІебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву! 5Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгІаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кІелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза. 6Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а. 7Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тІехь шун тІаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кІелхьардаккха а. 8Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирІунан да вина, цуьнан цІийна тІехь эла а, берриг а Мисар-махка тІехь куьйгалхо а вина. 9Сихо яй, сан дена тІе а кхачий, ала цуьнга: „Хьан кІанта Юсупа хабар доуьйту хьоьга: ‘Дала со Мисар-махкахь куьйгалхо вина. Со волчу схьавола, хан ца йолуьйтуш. 10ГІашан цІе йолчу меттехь Іийр ву хьо, суна уллохь. Хьан бераш а, берийн бераш а, берриг а бахам а, дерриг а даьхни а схьадаладе. 11ГІашанехь хьо а, хьан доьзал а кхобур бу ас, хІунда аьлча тІедогІуш мацаллин пхи шо ду. Иза ца дахь, хьо а, хьан цІа а, хьан долахь дерг дерриг а эшамехь хир ду’“. 12Шуна а, сан вешина Бен-Яманна а шайн бІаьргашна гуш ду шайца къамел дийриг со хилар. 13Сан дега со Мисар-махкахь сийлахь хилар а, шайна кхузахь мел гинарг а дийца. Иза сиха кхуза схьа а валаве».
14Шен ваша Бен-Яман, мара а воьллина, вилхира иза, Бен-Яман а вилхира цуьнца. 15Массо а ваша мара а вуллуш, царна барташ а дохуш, воьлхура Юсуп. Цул тІаьхьа вежарша цуьнца къамел дира.
16Юсупан вежарий баьхкина аьлла, хабар пирІунна тІекхечира. ПирІун а, цунна уллорнаш а хазахеташ бара. 17ПирІуно Юсупе элира: «ДІаала хьайн вежаршка, шайна оьшшучул даа хІума КанаІан-махка дІа а хьо. 18Шайн да а, доьзалш а кхуза схьа а балабе. Ас Мисарахь тоьлла долу латта лур ду шуна, цунах схьадаьллачух дехар ду шу, алий». 19Кхин а элира пирІуно: «Хьуна тІедуьллу ас, Юсуп, хьайн вежаршка дІаалар: „Мисар-махкара гІудалкхаш йига шайн бераш а, зударий а схьабало, шайн да а валош, шаьш а схьадуьйла. 20Шайн салпална са ма гатде, Мисарахь тоьлла дерг шун хир ду“».
21Исраилан кІенташа цо ма-бохху дира. ПирІуно деллачу омрица Юсупа царна гІудалкхаш а, некъана кхача а белира. 22ХІоранна а керла духар делира, ткъа Бен-Яманна кхо бІе шекхал дети а, пхеа тайпана тІеюху хІуманаш а елира. 23Юсупа шен дена а дахьийтира совгІаташ: Мисар-махкара тоьлла долу хІума тІехь долуш итт вир а яра, кІа а, бепиг а, некъана лерина тайп-тайпана даарш тІехь долуш итт виркхел а яра. 24Цул тІаьхьа, вежарий новкъа а баьхна, уьш дІабоьлхуш, цо элира: «Новкъахь девнаш ма дахалаш!»
25Мисарара ара а бевлла, шайн да Якъуб волчу КанаІан-махка баьхкира уьш. 26Цара элира цуьнга: «Юсуп дийна ву! Юсуп берриг а Мисар-мехкан куьйгалхо ву!» Якъуб хІун эр ду а ца хууш висира, цкъа хьалха иза ца тийшира царах. 27Амма Юсупа даийтина хабар а хезча, цо шена яийтина гІудалкхаш а гича, Якъубан дог хазахетта тохаделира. 28Исраила элира: «Тоьар ду! Сан кІант Юсуп дийна ву. Со валале и ган гІур ву со».

 

46

 

Якъуб Мисар-махка воьду

 

1Исраил[19], шен долахь дерг дерриг схьа а эцна, новкъа велира. ВогІуш, Беар-ШабаІе ша кхаьчча, шен ден Исхьакхан Далла лерина сагІанаш дехира цо. 2Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!»
«Со кхузахь ву», – жоп делира Якъуба.
3Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гІо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду. 4Со хьоьца Мисар-махка дІа а вогІур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бІаьрг Юсупа дІакъовлур бу».
5Беар-ШабаІера кхин дІа а вахара Якъуб. Исраилан кІенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирІуно яийтинчу гІудалкхаш чу ховшийра цига дІабига. 6КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. 7Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а – ерриг а тІаьхье дІайигира. 8ХІорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш (Якъуб а, цуьнан тІаьхье а):
Якъубан хьалхара кІант Раабан. 9Раабанан кІентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
10ШимІин кІентий: Емуал, Ямин, АхІад, Якин, ЦІохьар, канаІанхочо вина Шаул а.
11Левин кІентий: ГІиршан, КхахІат, Мерари.
12ЯхІудан кІентий: Іаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Іаьр а, Онан а КанаІан-махкахь кхелхинера). Парасан кІентий: Хьацрани, Хьамал.
13Иссарханан кІентий: ТовлаІ, Пува, Яшаб, Шимрон.
14Забулан кІентий: Серад, Элон, Яхьлаал.
15Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. Цо йина Дина цІе йолуш йоІ а яра. Дерриг а кІант а, йоІ а ткъе кхойтта дара.
16Гадин кІентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Іера, Ароди, Ариэли.
17Ашаран кІентий: Имани, Ишва, Ишви, БериІ. Серахь цІе йолуш йиша а яра церан. БериІан кІентий: Хьебар а, Малкиал а.
18Лабана шен йоІана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.
19Якъубан зудчо Рахьала бина кІентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а.
20Мисар-махкахь Ана цІе йолчу гІалин динан да волчу ПатипараІан йоІа Асната Юсупна ши кІант вира. Церан цІераш яра Маннаш а, Эпрам а.
21Бен-Яманан кІентий бара: БулаІ, Бахри, Ашбели, Гери, НаІаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди.
22Рахьала Якъубана бина кІентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.
23Данан кІант вара: Хьушим.
24Напталан кІентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам.
25Лабана шен йоІана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кІентий бара уьш, верриг а ворхІ стаг.
26Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тІаьхьенах верг, кІентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара. 27Мисарахь Юсупна вина ши кІант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.

 

Якъуб а, цуьнан доьзал а Мисар-махкахь Іар

 

28Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхІуд вахийтира Якъуба, ГІашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дІакхаьчча, 29Юсуп, шен гІудалкх дІа а йожийтина, ГІашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тІеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза. 30Исраила элира Юсупе: «ХІинца-м вала а хала дацара, хІунда аьлча сайн бІаьргашца хьо дийна хилар гина суна».
31Юсупа вежаршка а, шен ден цІийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирІуне эр ду: „КанаІан-махкахь Іийна сан вежарий а, ден цІийнах берш а со волчу схьабаьхкина. 32И нах жаІуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хІума дерриг а схьадеана цара“. 33ПирІуно, тІе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хІун корматалла ю?“ 34аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТІаккха ГІашан цІе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хІунда аьлча мисархошна Іуй ца беза».

 

 

47

 

1ПирІунна тІе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаІан-махкара схьа а баьхкина, ГІашанехь бу хІинца». 2Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирІунна тІе.
3ПирІуно хаьттира цаьрга: «Шун хІун корматалла ю?»
Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Іуй ду тхо». 4Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хІунда аьлча КанаІан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГІашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».
5ПирІуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина. 6Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГІашанехь Іан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Іалашдан дІахІиттабе уьш».
7Шен да Якъуб, вала а вина, пирІунна хьалха хІоттийра Юсупа. Якъуба пирІун декъалвира. 8ПирІуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»
9Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». 10ПирІун декъал а вина, дІавахара Якъуб.
11Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаІамсас олучу гІалина уллохь тоьлла латта а делла, пирІуно шена тІе-ма-диллара. 12Шен ден а, вежарийн а хІусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа. 13Цул тІаьхьа чІогІа мацалла хІоьттира. Мисар а, КанаІан-мохк а мацалло гІелбина бара. 14Шегара кІа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаІан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирІунан цІахь латтадора цо иза. 15Мисарахь а, КанаІан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тІе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бІаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».
16Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна». 17Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагІашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.
18Шо чекхдаьлча, цунна тІе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догІмашший, латтий бен хІумма а ца дисна тхоьгахь. 19Хьан бІаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хІаллак хІунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дІаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирІунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дІаден хІу лохьа тхуна».
20Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирІунна. ХІора мисархочо шен латта доьхкира, хІунда аьлча мацаллина дан хІума дацара церан. Латта пирІунан дола делира. 21Ткъа нахах Мисаран цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц Юсупа леш бира. 22Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хІунда аьлча массо а хенахь пирІуно дакъа а кхочуьйтуш, Іаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира. 23Юсупа элира нахе: «ХІинца ас шу а, шун латта а пирІунна эцна. ХІара хІу ду шуна латта дІаден. 24Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгІа дакъа пирІунна дІалур ду аша, ткъа диснарг дІаден а, шуна а, шун берашна а, шун цІахь болчарна а даа хир ду».
25Наха элира: «Ахьа тхо кІелхьардехи. ПирІунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна». 26Иштта лаьттах долу Іедал хІоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дІалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгІа дакъа пирІунна дІалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирІунан долахь а долуш.

 

Якъубан весет

 

27Исраилхой ГІашан олучу меттехь Іаш бара. Церан дола дуккха а хІума а делира, уьш тІеттІа дебаш а бара. 28Якъуб Мисарахь вуьрхІитта шарахь Іийра, цуьнан бІе шовзткъе ворхІ шо дара. 29Ша лечу хенахь, шен кІанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кІел куьг а диллий[20], дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дІа ма воллалахь. 30Со сайн дайх дІакхетча, Мисарара дІа а хьой, уьш боьхккинчу дІаволлалахь».
Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».
31«Дуй баал», – элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьІира[21].

 

48

 

Маннаш а, Эпрам а

 

1Дукха хан ялале Юсупе элира, цуьнан да чІогІа цомгуш ву аьлла. Шен ши кІант, Маннаш а, Эпрам а, эцна, цунна тІе вахара иза. 2Якъубе хаам бира: «Хьо волчу хьан кІант Юсуп веана», – аьлла. Шен берриг а ницкъ гулбина, метта охьахиира Исраил.
3Якъуба элира Юсупе: «КанаІан-махкарчу Луз олучу меттехь Ша гайтинчу Нуьцкъалчу Дала декъалвира со. 4Цо элира соьга: „Ас дебор бу хьан доьзал, хьан дуккха а бераш хуьлуьйтур ду, хьох халкъийн доьзал схьабер бу. ХІара латта хьан тІаьхьенна гуттаренна а дІалур ду Ас“. 5Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кІант хІинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимІа а санна. 6Кхарал тІаьхьа хьуна дина бераш хьан хир ду. Церан дола даьллачу лаьтта тІехь шайн вежарийн кІентий болуш санна Іийр бу уьш. 7Со Падан-Арамера схьавогІуш, КанаІан-махкахь Эпрати цІе йолчу гІалина тІекхачале, новкъахь, хьан нана Рахьал елира. Цигахь Эпрате (Байтлахаме) боьдучу новкъа йистехь дІайоьллира ас иза». 8ТІаккха, Юсупан кІентий а гина, Исраила хаьттира: «Уьш муьлш бу?»
9Юсупа дена жоп делира: «Уьш Дала суна кхузахь белла кІентий бу».
ТІаккха Исраила элира: «Суна тІе валаве и шиъ соьга декъалвайта». 10Иза дукха къена волуш цуьнан бІаьргашна са дика ца гора. Юсупа ши кІант цунна тІе валийра. Цо, мара а бухкуш, барташ дехира царна. 11Исраила элира Юсупе: «Суна ца моьттура сайна хьо юха гур ву, ткъа Дала хьан бераш ган а аьтто би сан».
12Ши кІант Исраилан голашна уллора дІа а хилийна, цунна хьалха лохха охьатаьІира Юсуп. 13Цул тІаьхьа, дена улло ши кІант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агІор Исраилна аьрру агІор хІоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агІор Исраилна аьтту агІор хІоттийра. 14Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тІехула а даьккхина, Маннашан коьрта тІе диллира. Цхьа Іалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь. 15Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира:
«Шена кІелахь сан дай ИбрахІим а, Исхьакх а лелла Дела,
таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тІаьхьа хІоттийна лелла волу Дела,
16муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хІара бераш.
Кхаьргахь дІахьойла сан а, сан дайн ИбрахІиман а, Исхьакхан а цІераш.
Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».
17Шен дас аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллина гича, Юсупна халахийтира. Цо ден куьг схьалецира, Эпраман коьрта тІера Маннашан коьрта тІе дилла дагахь. 18Юсупа элира цуьнга: «ХІан-хІан, дада, хьалхарниг хІара ву, аьтту куьг цуьнан коьрта тІе дилла».
19Амма да реза ца хилира: «Суна хаьа, сан кІант, суна хаьа. Кхунах а халкъ схьадер ду, и халкъ а доккха, сийлахь хир ду. Амма жимаха волу ваша цул лакхара хир ву, цуьнан тІаьхьенах дукха халкъаш схьадевр ду». 20Цу дийнахь, уьш декъал а беш, цо элира: «Шун цІерашца Исраилан халкъо вовшийн декъалбийр бу: „Эпрам а, Маннаш а санна войла хьо Дала“, – бохуш». Иштта Эпрам Маннашал лакхара хІоттийра цо.
21Юха Исраила элира Юсупе: «Со леш ву, амма Дела шуьца хир ву. Цо шайн дайн лаьтта тІе юхадуьгур ду шу. 22Хьайн вежарел хьо лакхара хиларна, айса эмархошкара туьраца а, Іодаца а баьккхина Шехем-мохк дІало ас хьуна».

 

49

 

Якъуба шен кІентий декъалбо

 

1Шен кІентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогІа, тІейогІучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас.
2Гул а лой, ладогІа, Якъубан кІентий,
ладогІа шайн дега Исраиле.

 

3Раабан, хьо сан дуьххьарлераниг ву, сан ницкъ,
сан боьршаллин дуьххьарлера стом,
уггар сийлахьверг а, ницкъберг а.
4Амма, кхехкаш тІехъоьху хи санна, сиха волу хьо
кхин хир вац хьалхарниг,
хІунда аьлча, дІа а вахана,
хьайн да дІавуьжу мотт сийсазбина ахь.
Сан метта дІавижна хьо.

 

5ШимІа а, Леви а вежарий бу.
Шайн таррашца нахана ницкъ бо цара.
6Церан кхеташонна юкъа а гІур вац со,
церан гуламе а гІур вац,
хІунда аьлча оьгІазаллица нах байина цара,
хазахетархьама стерчийн когийн пхенаш хедийна.
7НеІалт хилла ю церан оьгІазалла,
хІунда аьлча иза буьрса йолу дела,
неІалт хилла ду церан дералла,
хІунда аьлча иза къиза долу дела.
Якъубан тІаьхье йолчохь царна латта хир дац,
ас дІасакхуьссур бу уьш берриг а Исраилан махкахула.

 

8ЯхІуд, хьан вежарша хастор ву хьо,
хьан куьг мостагІийн яьІнаш тІехь хир ду.
Хьан вежарий хьуна хьалха охьатаьІар бу.
9Хьо къона лом ду, ЯхІуд.
Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант.
СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо,
мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян?
10Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац,
цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж,
иза Шилун-гІала дІакхаччалц а[22],
халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а.
11Цо шен вир кемсийн таьллангах дІатосур ю,
ткъа виран кІорни – тоьллачу гаьннах.
Тоьллачу чагІар чохь шен бедар яшор ю цо.
ЧагІаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.
12Цуьнан бІаьргаш чагІарал Іаьржа хир ду,
ткъа цергаш шурел кІайн хир ю.

 

13Забул хІордан йистехь вехар ву.
Цуьнан берд хІордкеманашна кхераме хир бац,
цуьнан латта ЦІадан-гІалина тІекхаччалц хир ду.

 

14Шина а агІор беза мохь а болуш, садоІуш Іуьллучу вирах тера хир ву Иссархан,
ша онда велахь а.
15Шен садоІу меттиг дика хилар а,
шен латта хаза хилар а гина,
халачу балхана къарвелла лай санна,
бахьа ца лучу мохьана кІел хІуттур ву иза.

 

16Дан Исраилан халкъана кхелахо хир ву,
иза Исраилан цхьа тукхам санна хир ву.
17Новкъа йистехь Іуьллучу лаьхьанах тера хир ву иза.
ТІехйолучу говран ког лоцу, некъан тачи тІехь Іуьллу лаьхьа бу иза.
Говр лазийча, цунна тІера бере охьавужу.

 

18Веза Эла! Ахь кІелхьарваккхаре сатесна ву со.

 

19Гадина тІе талорхой летар бу,
амма цо уьш лохкур бу.

 

20Ашаран кхача токхе хир бу,
паччахьан даарш хир ду цуьнан.

 

21Наптал маьрша баьккхинчу сенах тера ву,
исбаьхьа кІорнеш луш йолчу сенах тера ву иза.

 

22Юсуп хьостана уллохь йоллучу, дуккха а стом лучу кемсийн таьллангах тера ву.
Цу таьлланган генаш пенна тІехула хьаладоьлхуш ду.
23Дерачу оьгІазаллица пхерчий а кхуьссуш,
мостагІий летара цунах.
24Амма цуьнан Іад чІогІа ду,
цуьнан куьйгаш онда а, говза а ду.
Цунна ницкъ белла Якъубан Нуьцкъалчо,
Исраилан Іуьно а, Тархо а,
25хьуна гІо деш волчу хьан ден Дала,
хьо декъалвеш волчу Нуьцкъалчо.
Лакхарчу Шен стигалшца а,
лахарчу латтанашца а,
кІайн кхача лучу накхошца а,
ховхачу кийранашца а декъалвойла хьо Нуьцкъалчу Дала.
26Ширачу лаьмнийн деза хиларал а,
даим лаьттачу гунийн хаза хиларал а лекха ду
хьан дас хьо декъалвар.
Шен вежаршна юкъахь эла волчу Юсупца хуьлийла и декъалвар.

 

27Бен-Яман дера борз ю.
Іуьйранна шен ижу юу цо,
сарахь талорца карадеанарг доькъу».

 

28Иштта ду Исраилан шийтта тукхам. Иза элира цаьрга, уьш декъалбеш, церан дас. ХІора а шена доггІучу кепара декъалвира цо.

 

Якъуб кхалхар

 

29Юха иштта весет дира цо шен кІенташка: «Со сайн дай болчу дІагІур ву кестта. Хьетахочун Іепронан лаьтта тІехь, сан дай болчу хьеха чохь дІаволлалаш со. 30КанаІан-махкарчу Мамари олучу меттера Махпела цІе йолчу арахь ю и хьех. Хьетахочуьнгара Іепронера нах дІабохка эцначу лаьттаца цхьаьна эцна ю и хьех ИбрахІима. 31Цигахь дІабоьхкина бу ИбрахІим а, цуьнан зуда Сарат а, Исхьакх а, цуьнан зуда Ребикха а, цигахь дІайоьллина ас Леа а. 32Аре а, цу тІера хьех а хьетахошкара эцна ю».
33Шен кІенташна хьехам бина а ваьлла, ши ког метта хьала а баьккхина, дІавижна волу Якъуб, кхалха а кхелхина, шен дайх дІакхийтира.

 

 

50

 

1Дена тІе а кхетта, цунна барташ а дохуш, вилхира Юсуп. 2Шен ялхошка-лоьрашка ден дакъа талха ца талхийта, молханаш а тохий, кечде аьлла, омра дира цо. Лоьраша иза кечдира. 3Цу кечамна шовзткъа де дІаделира, хІунда аьлча цу балхана лерина йолу хан яра иза. Мисархоша кхузткъе итт дийнахь белхарш дира Якъуб велча. 4Белхаран денош чекхдевлча, Юсупа элира пирІунна уллорчу нахе: «Шу суна реза делахь, доьху шуьга, пирІуне дІаала: 5„Сан дас, соьга чІагІо а яйтина, элира: ‘Со леш ву, ас КанаІан-махкахь яьккхинчу къубба чохь дІаволлалахь со’. Пурба ло суна, вахана, сайн да дІаволла, цул тІаьхьа со юхавогІур ву“».
6ПирІуно элира: «Ваха а гІой, айхьа чІагІо ма-ярра, хьайн да дІаволла».
7Юсуп шен да дІаволла воьдуш, цуьнца пирІунна уллора нах а, пирІунан цІийнера а, берриг Мисар-махкара а элий бахара. 8Юсупан доьзалера берш а, вежарий а, цуьнан ден цІийнах болу нах а бахара. ГІашанехь бераш а, даьхни а бен ца дисира. 9Царна тІаьхьахІиттина йогІуш гІудалкхаш а яра, дошлой а бара. Дукха адам дара дІадогІуш.
10Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чІогІа белха хІиттира уьш. ВорхІ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. 11Атада уллохь долу и белхар а гина, цу меттехь Іаш болчу канаІанхоша элира: «Мисархойн доккха белхар ду». Цундела Йорданна малхбалехьа йолчу цу меттигах Абал МицІраим олу (иза «мисархойн белхар» бохург ду). 12Иштта Якъубан кІенташа цуьнан весет кхочушдира. 13КанаІан-махка дІа а ваьхьна, Мамари цІе йолчу меттигна уллохь йолчу Махпела олучу арахь лаьттачу хьеха чохь дІавоьллира цара иза. И хьех цу аренца цхьаьна ИбрахІима хьетахочуьнгара Іепронера эцнера, шен белла нах цу чохь дІабохкархьама. 14Да дІа а воьллина, шен вежаршца а, цига баьхкинчу нахаца а Мисар-махка вухавеара Юсуп.

 

Юсупа вежарий тебо

 

15Шайн да велча, Юсупан вежарша ойла йира: «ХІун хаьа, Юсуп вайна оьгІазвахана Іаш хила мега, шена вай динчу вонна дуьхьал хІинца бекхам бан дагахь?» 16Цара Юсупна тІе нах бахийтира цуьнга ала: «Ша валале хьан дас тхуна весет дина: 17„Шайн веше Юсупе дІаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“».
Шега даийтинчу хабаре ладугІуш волу Юсуп вилхира.
18ТІебаьхкина, гора а эгна, цуьнан вежарша элира: «Тхо хьан леш ду».
19Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац. 20Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хІинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кІелхьардахар. 21Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.

 

Юсуп кхалхар

 

22Шен ден доьзалца Мисар-махкахь Іийра Юсуп. Цуьнан бІе итт шо кхаьчнера. 23Иза дийна а волуш, Эпрайман бераш а, берийн бераш а хилира. Маннашан кІантана Макирна дина бераш а, шен долуш санна, тІеийцира цо. 24Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». 25Исраилан кІенташка чІагІо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гІо дийр ду, тІаккха аша сан даьІахкаш кхузара дІаяхьа еза». 26Иштта бІе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тІорказ чу диллира цуьнан дакъа.

 

 

 

Арадаккхар

Дешхьалхе

 

Арадаккхар цІе йолу хІара тептар – Исраилан халкъан хиламашкахь уггар лараме долчух лаьцна ду: исраилхой лоллехь хиллачу Мисар-махкара арабовларх. Тептар деа декъе декъало: 1) Іебархой лоллера паргІатбахар (кортош 1-15); 2) Синай-лам болчу уьш боьлху некъ (кортош 15-18); 3) Дала Шен халкъаца барт бар, царна оьздангаллин а, динан а хьехамаш балар (кортош 19-24); 4) исраилхошна Далла Іибадат дан меттиг кечъяр а, динан дайшна а, Далла Іамалъярна а болу хьехамаш (кортош 25-40).
Уггар хьалха хІокху тептар тІехь Дала мел динарг дуьйцуш ду, лоллехь хилла Шен халкъ Ша паргІат а доккхуш, цунах хиндолчуьнга сатийсар долуш долу къам а кхуллуш.
Тептаран уггар лараме стаг Муса ву. И стаг, Шен халкъ Мисар-махкара арадаккхархьама, Дала хаьржина хилла. Уггар дика девзаш долу тептаран дакъа ткъолгІачу коьрта тІехь болу итт хьехам бу.

 

1

 

Исраилхой Мисар-махкахь Іаш бу

 

1Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш хІорш ю: 2Раабан, ШимІа, Леви, ЯхІуд, 3Иссархан, Забул, Бен-Яман, 4Дан, Наптал, Гада, Ашар. 5Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.
6Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дІабевллера. 7Ткъа Исраилан тІаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.
8Юха Мисар-махкахь керла пирІун[1] хІоьттира, цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. 9Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. 10Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тІом балахь, уьш вайн мостагІех дІа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дІагІур бу». 11Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. 12Амма оцу халкъана тІехь гІело мел йо а, иза тІеттІа дебара, цу махкахула дІасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. 13Цундела кхин а чІогІа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. 14Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.
15Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гІо деш яра Шапарат а, ПуІа а цІераш йолу ши зуда. ПирІуно омра дира цаьрга: 16«Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоІ дийна йита, кІант ве!», – аьлла. 17Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирІуно бохург ца дора, цара кІентий дийна буьтура. 18ПирІуно, тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хІун ду аша деш дерг? КІентий дийна хІунда буьту аша?»
19Шина зудчо пирІуне элира: «Іебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тІекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан». 20Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Іебархойн халкъ тІеттІа алсамдолуш дара. 21Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира. 22ТІаккха пирІуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Іебархойн кІант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоІ дийна йита», – аьлла.

 

2

 

Муса дуьнен чу валар

 

1Левин тІаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. 2Доьзалхочух а хилла, кІант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо. 3Эххар а, кхидІа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кІант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо. 4Ткъа кІентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хІун хуьлу.
5Юха пирІунан йоІ еара Нил-хи тІе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоІана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гІарбаш яхийтира иза схьаэца. 6Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоІана, цо элира: «ХІара Іебархойн бер ду».
7Цу хенахь тІееанчу кІентан йишас элира пирІунан йоІе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Іебархойн зуда ялор ю кІант вакхо».
8ПирІунан йоІа элира: «ГІо, хІета».
Вукхо кІентан нана схьаялийра. 9ПирІунан йоІа элира зудчуьнга: «ХІара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дІа а даьхьна, бер кхебира.
10КІант воккха хилира. Нанас иза пирІунан йоІе дІавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КІентан цІе Муса[2] тиллира пирІунан йоІа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.

 

Муса маданхойн махка вадар

 

11Цул тІаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Іебархочунна етташ. 12ДІа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гІамарла воьллира Мусас. 13ШолгІачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Іебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хІунда етта ахь?»
14«Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хІоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гІерта хьо?» – элира цу стага. ТІаккха Муса кхеравелира. «ХІинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна. 15И гІуллакх хаа а хиъна, Муса вен гІерташ пирІун а вара. Амма пирІун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тІе веара Муса.
Цу махкахь волчу динан ден ворхІ йоІ яра. Муса гІуна йистехь охьахиина Іаш волчу хенахь, 16тІе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагІашна мало. 17Амма охьабаьхкинчу Іуша зудабераш хи тІера дІачовхийра. ТІаккха Мусас, цаьргахьа гІо а даьккхина, церан уьстагІашна хи малийра. 18Шайн да РаІал волчу бахара йоІарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цІа?»
19Цара элира: «Цхьана мисархочо гІо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагІашна хи малийра цо».
20Дас элира йоІаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хІунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хІума юур ю цо».
21Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаІала шен йоІ Ципара яхийтира цуьнга. 22Шен зудчо кІант вича, Мусас цуьнан цІе ГІиршам тиллира (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду), хІунда аьлча ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела.
23Цул тІаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирІун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Іазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира. 24Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. 25Исраилхошка а хьаьжна, церан Іалашо ян лиира Далла.

 

3

 

Дала Муса къобалвар

 

1Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран[3], уьстагІий дажош вара Муса. Цкъа уьстагІий дажош, генна яьссачу арахула дІавахна, Хьариб цІе йолчу Делан лам тІе кхечира иза. 2Везачу Элан Малик дуьхьалхІоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цІе леттера. ЦІе леттехь а, йогуш яцара и колл. 3Мусас элира: «ТІеваха веза со оцу инзаречу хІумане хьажа. Колл хІунда ца йогу?»
4Муса тІевогІуш Шена гича, Веза Эла[4] кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!»
«Со кхузахь ву!» – элира Мусас.
5Дала элира: «ТІе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дІаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду. 6Со хьан ден Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дІакъевлира, хІунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.
7Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. 8ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. 9Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Іазапехь бахкор а гина. 10ХІинца Ас хьо пирІунна тІе вохуьйту. Ваха а гІой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».
11Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирІунна тІеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»
12Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хІара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тІехь Суна Іамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».
13Юха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тІе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тІе“. Цара соьга хоттур ду: „ХІун ю Цуьнан цІе?“ ТІаккха, хІун ала деза ас цаьрга?»
14Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». 15Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло[5], шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тІе“. Иза ю Сан цІе абадехь[6], цу цІарца хьахор ву Со тІейогІучу тІаьхьенаша. 16Ваха а гІой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг. 17Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“.
18Исраилхойн къаноша хьоьга ладугІур ду. Уьш а эций, пирІунна тІегІо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Іебархойн Дела, веана тхо долчу. ДІахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дІа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагІа даккха дезаш ду тхо“. 19Амма Суна хаьа, пирІуно шу дІахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. 20Ас, Мисарна тІехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хІуманаш гойтур ду цу махкахь, тІаккха цо шу дІахоьцур ду.
21Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тІаккха шу цу махкара дІадоьлхуш даьсса гІур дац. 22ХІора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Іаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хІума а, еза тІеюху хІума а еха еза. Цу хІуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дІахьур ду».

 

 

4

 

1ТІаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?»
2Везачу Эло хаьттира: «И хІун ю хьан карахь ерг?»
Мусас жоп делира: «Сан некъан Іаса ю-кх».
3«Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Іаса охьакхоьссира – гІожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дІаведира Муса. 4Везачу Эло элира: «Куьг дІа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цІога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Іаса хилира. 5«Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло.
6Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кІайн хьаьттарш тІехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. 7«ХІинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг. 8«Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгІачу билгалонах тешар бу. 9Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цІий хир ду», – элира Везачу Эло.
10ТІаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХІинца Хьоьца къамел динчул тІаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».
11Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бІаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? 12ДІагІо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Іамор ду хьуна ала дезарг».
13Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».
14Веза Эла Мусана оьгІазвахара, Цо элира: «Левин тІаьхьенах а волуш, АхІарон цІе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогІур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду. 15Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. 16Хьан метта АхІарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву. 17И Іаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хІуманаш гойтур ду ахь».

 

Муса Мисар-махка юхаверзар

 

18Шен стундена Итарна тІе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тІеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа».
«Дика ду, гІой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», – элира Итара.
19Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хІунда аьлча хьо вен гІерташ хилларш белла дІабевлла». 20Шен зуда а, кІентий а вир тІе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Іаса буьйна а лаьцна.
21Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. 22ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. 23Ас боху хьоьга: ‘ДІахеца Сан кІант, иза Суна Іибадат дан дезаш ву. Ахь иза дІа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кІант вуьйр ву’“».
24Новкъахь дІавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тІевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара. 25ТІаккха Ципарас, тІулгах дина урс схьа а эцна, шен кІант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех[7] а хьаькхна, цо элира: «Ас и цІий Іанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву». 26Веза Эла дІавахара, Мусана[8] хІумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цІийца волу майра», хІунда аьлча шен кІант сунтвинера цо.)

 

Дала АхІарон Мусана дуьхьал вахийтар

 

27Везачу Эло АхІароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гІо». ДІавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхІарона. 28Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хІуманех лаьцна а АхІароне дІадийцира Мусас. 29Мусас а, АхІарона а, дІа а вахана, исраилхойн къаной гулбира. 30Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дІадийцира АхІарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хІуманаш гайтира. 31Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гІайгІа бойла. Цунна хьалха гора а хІиттина, суждана бахара[9] уьш.

 

5

 

Муса а, АхІарон а пирІун волчу воьду

 

1Цул тІаьхьа Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хІотто“».
2Амма пирІуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгІна, Исраилан халкъ дІахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дІа а хоьцур бац».
3Цу шиммо элира: «Іебархойн Дала тІекхайкхира тхоьга. Оха доьху хьоьга кхаа дийнахь некъ баллал йолчу метте яьссачу ара тхаьш дІадахийтар, тхайн Везачу Далла лерина сагІа даккха, Цуьнга цамгарца я туьраца тхо хІаллак ца дайта».
4ПирІуно элира цаьрга: «Муса, АхІарон, халкъ шен балхах юхадоккху аша. ДІа а гІой, шайн гІуллакх де». 5Кхин а элира цо: «ХІокху махкахь дуккха а нах бу, аша шайн болх бан ца буьту уьш».
6Оццу дийнахь исраилхошна тІехІиттийна болчу нахе пирІуно омра дира: 7«ХІинца чул тІаьхьа кибарчигаш ечу нахана ча ма ло, хьалха деллехь а. Ара а бовлийтий, шайга лахийта цаьрга ча. 8Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагІа доккхур дара оха“, – бохуш. 9Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».
10ТІехьовсуш болчу наха элира халкъе: «ПирІуно шуна кибарчигаш ян ча ма ло боху. 11Даха а гІой, шайна карийнначуьра ча да. Кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша».
12Берриг а Мисар-махкахула арахь дисина ча лаха арабевлира исраилхой. 13ТІехІиттина болчара хьалха, ча долчу хенахь еччул, хІора дийнахь кибарчигаш е бохура цаьрга. 14ПирІунан хьадалчаша исраилхошна юкъара хаьржинчу белхан куьйгалла дечу нахана еттара: «Хьалха йинччул, селхана а, тахана а кибарчигаш хІунда ца йо аша?» – бохуш.
15Оцу исраилхоша, пирІунна тІе а баьхкина, арз дира: «Хьайн лешна иштта ницкъ хІунда бойту ахь? 16Ча ца ло хьан лешна, ткъа кибарчигаш е боху. ТІехІиттина болчара тхуна етта, амма бехке хьан халкъ ду».
17Амма пирІуно элира: «Шуна болх бан ца лаьа, аш мало йо, цундела боху аша: „Везачу Элана сагІа даккха гІур ду тхо“. 18ДІа а гІой, болх бе. Ча шуна лур дац, кибарчигаш хьалха еччул йийр ю аша». 19«ХІора дийнахь ян еззачул кибарчигаш йийр ю аша, церан дукхалла лах а ца деш», – бохучу дешнашца шайна тІебеана бала гира исраилхошна.
20ПирІун волчуьра уьш арабевлча, шаьш схьадахкаре хьоьжуш волу Муса а, АхІарон а гира царна. 21Цу шинга цара элира: «Везачу Эло кхел йойла шуна аша пирІунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха тхан сий дайарна. Церан кара тур делла аша тхо дайийта».
22Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хІара халкъ хІунда теси Ахь? Со кхуза хІунда ваийти? 23ПирІунна тІе а вахана, ас Хьан цІарах къамел дичхьана, цо кхин а чІогІа ницкъ бо кху халкъана. КІелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».

 

 

6

 

1ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХІинца гур ду хьуна Ас пирІунна дендерг. Онда куьг шена тІехь хааделча, цо дІахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».

 

Дала Муса юха а къобалвар

 

2Юха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву. 3ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цІе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цІарца Ас царна Со вовзийтина вац. 4Ас барт бина цаьрца, КанаІанан латта царна дІалур ду аьлла. Цу лаьтта тІехь Іаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара. 5Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тІаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна. 6Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. 7Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. 8Айса ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дІалур ду аьлла, куьг а айина чІагІо йинчу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Ас, иза шуна тІаьхьалонна дІа а лур ду. Со Веза Эла ву“». 9Мусас и дерриг а исраилхошна дІадийцира, амма цара ла ца дуьйгІира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна.
10ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: 11«Мисаран паччахь волчу пирІунна тІе а гІой, исраилхой шен махкара дІабахийта ала цуьнга».
12Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогІа, пирІунна-м муххале а луур дац. Цу тІе сан къамел говза а дац».
13Мусаца а, АхІаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тІедиллира Исраилан халкъаца а, пирІунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тІедожийра Цо.

 

Мусан а, АхІаронан а дай

 

14Мусан а, АхІаронан а дайн тІаьхьенаш хІорш яра:
Исраилан хьалхарчу кІентан цІе Раабан яра. Раабанан кІентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.
15ШимІин кІентий бара Емуал, Ямин, АхІад, Якин, ЦІохьар, канаІанхочо вина Шаул. Царах ШимІех схьадевлла гаранаш хилира.
16Леви бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара ГІиршан, КхахІат, Мерари. 17ГІиршанан кІентий бара Ливани а, ШамаІи а.
18КхахІат бІе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кІентий бара Іамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Іузиал а.
19Мерарин кІентий бара Махьли а, Мушхьи а.
Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тІаьхьенаш яра.
20Іамрам бІе ткъе вуьрхІитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кІант вара – АхІарон а, Муса а.
21Ицхьаран кІентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.
22Іузиалан кІентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.
23АхІарона Іамминадабан йоІ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхІаронна вира Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а.
24Кхорахьан кІентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.
25АхІаронан кІанта ЭлиІазара Путиалан йоІарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиІазарна Пайнехьас вира.
Левин тІаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца.
26АхІарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара. 27Цара аьллера Мисаран паччахье, пирІуне, исраилхой Мисар-махкара дІабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхІарон а.
28Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира. 29Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирІуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дІаала».
30Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугІур дуй те пирІуно?»

 

 

7

 

1Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирІунна тІехь Дела хІоттийна, ткъа хьан ваша АхІарон хьан туркх хир ву. 2Ас хьайна тІедиллинарг дерриг а дІаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхІарона пирІуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дІахеца аьлла. 3Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. 4Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. 5ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас».
6Везачу Эло шайна тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. 7Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхІаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.

 

АхІаронан Іаса

 

8Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 9«Нагахь пирІуно тамашийна хІума гайта алахь, ахь АхІароне ала: „Хьайн Іаса схьа а эций, пирІунна хьалха охьакхосса“. Іасанах лаьхьа хир бу». 10ПирІун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхІарона а. АхІарона шен Іаса пирІунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Іасанах лаьхьа хилира. 11ТІаккха пирІуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхІарона диннарг дира. 12Царах хІорамма а шен Іаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхІаронан Іасано дІакхаьллира церан Іасанаш. 13ПирІунан дог чІагІделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгІира Мусага а, АхІароне а.

 

Хьалхара таІзар: цІий

 

14ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун ша бохучунна тІехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дІахеца. 15Кхана пирІун волчу гІо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дІахІотта, шех лаьхьа хилла Іаса хьайн буйна а лаций. 16Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дІаала: ‘ДІахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Іибадат дайта. ХІинццалц ахь ла ца доьгІна Цуьнга. 17Везачу Эло боху, хІинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хІара Іаса Нил-хи тІе тухур ю, цу хих тІаккха цІий хир ду. 18Хи чуьра чІара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогІур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».
19Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду».
20Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира. 21Хи чуьра чІерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цІий дара. 22Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТІаккха пирІунан дог чІагІделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхІароне а ла ца дуьйгІира цо. 23Шена гиначух шек а ца велира пирІун. Юха а вирзина, шен цІа вахара иза. 24Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гІунаш яха хІиттира мисархой, хІунда аьлча важа хи малалуш дацара.
25ВорхІ де дІаделира Везачу Эло Нил-хина таІзар диначул тІаьхьа.

 

8

 

ШолгІа таІзар: пхьидарчий

 

1Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гІой, пирІуне Везачу Эло боху ала: „ДІахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Іибадат дайта. 2Нагахь хьо иза дІахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. 3Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цІа чу а, хьо дІавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цІенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. 4Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тІехула лелар ю пхьидарчий“».
5Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхІароне дІаала, шен Іаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Іаьмнашна а тІехула лаца алий. ТІаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». 6АхІарона шен куьг Мисаран хиш тІехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дІалецира. 7Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тІе ехира.
8ПирІуно, Мусага а, АхІароне а тІе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доІа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дІаяха алий. ТІаккха ас Исраилан халкъ дІахоьцур ду, Везачу Элана сагІа даккхийтархьама».
9Мусас элира пирІуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доІа дан, пхьидарчий шун цІенош чуьра дІа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»
10ПирІуно элира: «Кхана».
ТІаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта. 11Хьо волчуьра а, хьан цІеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дІаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц». 12Муса а, АхІарон а пирІун волчуьра дІавахара. Мусас Везачу Эле доІа дира, пхьидарчий дІаяха аьлла. 13Везачу Эло жоп делира цуьнан доІанна. Пхьидарчий цІенош чохь а, уьйтІенашкахь а, арахь а елла Іохкура. 14Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дІалецира берриг а мохк. 15ПаргІато яьллийла а гина, шен дог чІагІдира пирІуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгІира цо Мусага а, АхІароне а.

 

КхозлагІа таІзар: кегийра чуьркаш

 

16Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне ала, шен Іаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дІалаьцна кегийра чуьркаш хир ю». 17Иштта дан а дира цара. АхІарона шен Іаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тІехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира. 18Бозбунчаш а гІоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гІуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тІехь яра. 19ТІаккха бозбунчаша пирІуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чІагІделла Іачу пирІуно цаьрга ла ца дуьйгІира, Везачу Эло ма-аллара.

 

ДоьалгІа таІзар: жІаьлийн мозий

 

20Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гІаттий, пирІунна хьалха хІотта. Иза хин йисте гІур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Іибадат дайта Сан халкъ дІахеца. 21Нагахь ахь Сан халкъ дІа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тІе а, хьан цІенош чу а жІаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цІенош а, уьш тІехь Іаш болу латта а жІаьлийн мозех дузур ду. 22Сан халкъ тІехь Іаш долу ГІашан-мохк дІакъастор бу Ас, цигахь жІаьлийн мозий хир дац. ТІаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. 23Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю[10]. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“». 24Везачу Эло иштта дан а дира. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а цІеношка жІаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хІаллакбеш бара берриг а мохк.
25Мусай, АхІаронний тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Даха а гІой, кху лаьтта тІехь шайн Далла сагІа даккха».
26Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагІа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагІа церан бІаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тІулгаш деттар дац цара? 27Кхаа денна яьссачу ара дІа а дахана, тхайн Везачу Далла сагІа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».
28ПирІуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагІа даккха, амма гена дІа ма гІо. Сох лаций доІа а де».
29Мусас элира: «Хьо волчуьра дІа а вахана, Везачу Эле доІа дийр ду ас, тІаккха кхана пирІун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жІаьлийн мозий дІадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагІа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».
30ПирІун волчуьра дІа а вахана, Везачу Эле доІа дира Мусас. 31Мусан доІанна жоп делира Везачу Эло. ПирІун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дІадехира Цо, цхьа а ца буьтуш. 32Амма юха а шен дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно.

 

9

 

ПхоьалгІа таІзар: даьхни тІехь цамгар

 

1Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун волчу а гІой, дІаала цуьнга: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДІахеца Сан халкъ цуьнга Суна Іибадат дайта’. 2Нагахь санна дІахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь, 3Везачу Эло шен таІзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тІе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагІашна, гезаршна тІе даьІнаш долу луьра ун кхетар ду. 4Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». 5Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тІехь».
6ШолгІачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хІумма а ца хилира. 7ПирІуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чІагІдина, халкъ дІа ца хийцира пирІуно.

 

ЯлхалгІа таІзар: наткъарш

 

8Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирІунна а гуш. 9Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гІаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю». 10Пешара юкъ а эцна, пирІунна хьалха хІоьттира Муса а, АхІарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тІехь чевнаш хІиттира, ноткъа а йолуш. 11Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хІунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тІехь чевнаш йолуш бара. 12Амма Везачу Эло чІагІдинера пирІунан дог, цо ла ца дуьйгІира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.

 

ВорхІалгІа таІзар: къора

 

13Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гІаттий, пирІунна тІе а гІой, дІаала цуьнга: „Везачу Эло, Іебархойн Дала, боху: ‘ДІахеца Сан халкъ цуьнга Суна Іибадат дайта. 14ХІинца Ас Сайн дерриг а таІзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тІе, Соьга кхочуш дуьнен тІехь цхьа а воцийла хьуна хаийта. 15Сан куьг шуна тІехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тІера дІадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь. 16Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тІехь массо а адамна Сайн цІе йовзийта. 17Амма хьо хІинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дІа ца хоьцуш. 18Цундела Ас кхана, хІоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю. 19Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тІе къора а кхетта, уьш хІаллакьхир ду’“». 20Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирІунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цІеношкахь дІагулдира. 21Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тІе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.
22Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тІе къора кхетар ю». 23Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. 24Къора яра схьайогІуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тІе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чІогІа къора яра иза. 25Арахь дерг адамна тІера даьхнина тІе кхаччалц хІаллакдира къорано, буц а дІаяьккхира, дитташ а кегдира. 26Амма исраилхой Іаш болчохь, ГІашанахь, къора ца туьйхира.
27Мусага а, АхІароне а схьа а кхайкхина, пирІуно элира: «ХІинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду. 28ДоІа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дІадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».
29Мусас цуьнга элира: «Ас, гІалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доІа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТІаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. 30Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хІинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».
31Вета а, мукх а хІаллакдинера, хІунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хІу теснера. 32ТІаьхьа кхуьуш долу дела, кІена хІумма а ца хиллера.
33ПирІун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тІе оьху догІа а дІатийра. 34ДогІа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирІуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира. 35Дог а чІагІдина, исраилхой дІа ца хийцира пирІуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.

 

10

 

БорхІалгІа таІзар: цІоз

 

1Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун волчу гІо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чІагІдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. 2Хьоьга хьайн тІаьхьене а, тІаьхьенийн тІаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».
3Мусас а, АхІарона а, пирІунна тІе а веана, элира: «Везачу Эло, Іебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Іан воллий Суна къар ца луш? ДІахеца Сан халкъ Суна Іибадат дайта. 4Нагахь ахь Сан халкъ дІа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тІе цІоз хоьцур ду. 5Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тІаьхьа арарчу дитташ тІе хьаладаьлларг а дІадуур ду цо. 6Хьан цІенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цІенош а хьаладузур ду цІазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тІехь Іаш мел бу“». Юха а вирзина, пирІун волчуьра аравелира Муса.
7ТІаккха цунна уллорачара элира пирІуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДІахецахьа уьш шайн Везачу Далла Іибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хІаллакьхуьлуш хилар?»
8ПирІуно Муса а, АхІарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гІой, шайн Везачу Далла Іибадат де. Мила гІур ву шух цига?»
9«Берриш а гІур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кІентий а, йоІарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гІур ду тхо, хІунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».
10ПирІуно элира: «Шун бераш шуьца дІадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хІума ду шуна дагахь. 11Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тІаьхьа Мусай, АхІаронний пирІун волчуьра араваьккхира.
12ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тІехула дІалаца, кху махка тІе цІоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дІадуийла цо». 13Мусас шен Іаса Мисар-махкана тІехула дІалецира. Везачу Эло кху лаьтта тІе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Іуьйре тІееача, малхбалерчу мохо цІоз деара. 14Инзаре дукха цІоз тІелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цІоз я тІаьхьа а хир дац. 15Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дІалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тІера стоьмаш а дІабиира цІазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тІехь а, я арарчу баца тІехь а соьналлех хІума ца дисира.
16Мусай, АхІаронний сихонца тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас. 17Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доІа дейша, со хІокху Іожаллех кІелхьарваккха алий». 18ПирІун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доІа дира Мусас. 19Малхбузехьара дуьхьал чІогІа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цІоз Эрзан хІорда[11] чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цІоз а ца дисира. 20Амма Везачу Эло дог чІагІдина волчу пирІуно Исраилан халкъ юха а дІа ца дахийтира.

 

УьссалгІа таІзар: бода

 

21Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тІаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хІуттур бу». 22Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хІоьттира. 23Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра.
24Мусага тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Даха а гІой, Везачу Элана Іибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».
25Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагІа даккха[12]. 26Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дІадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хІунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагІа. Тхаьш цига дІакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагІина хІун хьайба ден деза».
27Везачу Эло дог чІагІдинчу пирІунна уьш дІахеца ца лиира. 28ТІаккха пирІуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».
29Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».

 

11

 

УьтталгІа таІзар: мисархойн дуьххьара бина кІентий балар

 

1Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирІунна а, мисархошна а. Цул тІаьхьа цо шу дІахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дІалохкур ду. 2Амма и хилале, ахь дІаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хІуманаш еха еза». 3Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирІунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чІогІа лоруш вара.
4Мусас пирІуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву. 5Мисар-махкахь хІорра а дуьххьарлера кІант лийр ву, паччахьан гІанта тІехь Іаш волчу пирІунан кІантана тІера кІа оруш йолчу гІарбашан кІантана тІекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тІе даьлла боьрша хьайба лийр ду. 6Цкъа а хьалха хилла а доцу я тІаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь. 7Исраилхойх цхьанна а хІумма а хир дац, царна жІаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хІума хир дац царна. ТІаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хІун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“. 8ТІаккха хьан берриш а леш, тІе а баьхкина, суна хьалха охьатаьІар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дІагІо“. Цул тІаьхьа со дІагІур ву». ПирІун волчуьра, чІогІа оьгІаз а вахана, аравелира Муса.
9Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирІуно шуьга ладугІур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама». 10И ерриг а тамашийна билгалонаш пирІунна хьалха гайтира Мусас а, АхІарона а, амма, Везачу Эло дог а чІагІдина, пирІуно шен махкара дІа ца бахийтира исраилхой.

 

12

 

Пасахь

 

1Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«ХІара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун. 3ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. 4Нагахь санна Іахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Іахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Іахар массарна а кхаччал декъало. 5Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. 6Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. 7И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. 8Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. 9Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. 10Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цІера тІехь дагаде диснарг. 11И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь[13] ду.
12Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. 13Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. 14Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».

 

Совсазчу баьпкан деза де

 

15«ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. 16Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. 17Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. 18Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. 19ВорхІ дийнахь шун чохь бод совсо хІума хила мегар дац. Совсийначу бедах хІума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тІевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а. 20Цхьа а тайпа совсийна хІума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».

 

Дуьххьара Пасахь

 

21Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хІораммо а, схьаэций, Іахар я буьхьиг е Пасахьана лерина. 22ТІаккха цуьнан цІий чохь долчу кеда чу кІедачу ярийн курс а Іоттий, шайн неІаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала. 23Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. 24И парзаш шуна а, шун тІаьхьенашна а тІейогІу йолчу ханна тІедехкина ду. Ларделаш уьш. 25Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тІе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гІуллакх. 26Шайн бераша хаттахь: „Иза хІунда деш ду?“ – аьлла, 27аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагІа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цІеношна уллохула тІех а ваьлла, мисархошна таІзар дира Цо, ткъа вайн цІенош Іалашдира“».
ТІаккха Везачу Элана хьалха охьатаьІира халкъ Цуьнга болчу ларамна. 28Мусагахулий, АхІаронехулий Везачу Эло тІе-ма-диллара, и гІуллакх кхочушдира исраилхоша.

 

Доьзалехь дуьххьарлера кІант валийтар

 

29Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. 30Буьйсанна пирІун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагІаьттира. Доккха белхар хІоьттира Мисар-махкахь, хІунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара. 31Цу буссехь тІе а кхайкхина, Мусага а, АхІароне а пирІуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гІовттий, дІадовла сан халкъана юкъара. Даха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш ма-аллара. 32Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дІадига. ДІа а гІо, со декъал а ве!»
33Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дІагІахьара шу бохуш. «Шу дІа ца гІахь, тхо массо а хІаллакьхир ду!» – бохура цара. 34Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегІаш хІуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тІехь дІаяьхьира исраилхоша. 35Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хІуманаш а, бедарш а йийхира цара. 36Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хІуманаш елира.

 

Исраилхой Мисар-махкара дІабоьлху

 

37РаІамсас-гІалара гІаш Сакхат-гІала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бІе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича. 38Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дІадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара. 39Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хІума кечъян а ца кхиънера уьш.
40Исраилхоша Мисарахь диъ бІе ткъе итт шо даьккхинера. 41И хан яьллачул тІаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бІо Мисарара арабелира. 42И буьйса Везачу Эло ладоьгІуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тІаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.

 

Пасахьан некъаш

 

43Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац. 44Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тІаьхьа и кхача баа мегар ду. 45Нагахь стаг шун махкахь тІевеана Іаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц. 46Цхьана цІа чохь яа еза Пасахьан яа хІума, жижиг ара а ца доккхуш, даьІахкаш а ца кегъеш. 47Массо а исраилхоша кхочушдан деза гІуллакх ду иза. 48Нагахь шуна юкъахь Іаш волчу тІевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цІийнах болу боьрша нах сунтбе. ТІаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц. 49Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Іаш волчу стеган а».
50Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхІаронна а деллачу омранна тІетайра. 51Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тІеман бІо санна.

 

13

 

Хьалха бина кІентий Далла лерина хилар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхойн хІора хьалха вина кІант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».
3Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хІара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХІара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, 4хІунда аьлча кху дийнахь, Авив цІе йолчу баттахь шу арадовлуш ду. 5Везачу Эло канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тІе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чІагІо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хІара гІуллакхаш де. 6ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа, ворхІалгІачу дийнахь Везачу Элана лерина дезде хІоттаде. 7Совсаза бепиг ворхІ дийнахь даа деза. Шун цІеношкахь а, шун махкахь а совсийна бепиг хила ца деза цу хенахь. 8Цу дийнахь хьайн кІанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хІара де“. 9Куьйга тІе йихкина хІума санна хуьлийла иза хьуна, хьетІехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хІунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина. 10ХІора шарахь а и дезде билгалдаьккхинчу дийнахь, лара а лоруш, дІакхехьа.
11Везачу Эло хьан дайшна лур бу аьллачу КанаІан-махка а валийна, и мохк хьайна дІабелча, 12доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. 13Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа ахь иза паргІат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кІантана тІера а мах бала беза. 14Хьан кІанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хІунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргІатдаьхна вай. 15Вай дІахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирІун, тІаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кІант а, боьрша хьайба а хІаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагІина лерина хІора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дІа а лой, сайн хьалхара кІант цу мехаца мукъавоккху“. 16Куьйга тІе йихкина хІума санна, хьетІехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».

 

Арадовларан некъ

 

17ПирІуно халкъ дІахецча, Дала пІелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тІом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш». 18Цундела Эрзан хІорда[14] уллорачу яьссачу арахула дІадигира Дала халкъ. Иштта, Мисар-махкара герзаца арабевлира исраилхой. 19Мусас шеца Юсупан даьІахкаш схьаийцира, хІунда аьлча Юсупа чІагІо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кІелхьардохур ду. Шаьш дІадоьлхуш, кхузара сан даьІахкаш дІахьолаш», – аьлла.
20Сакхат цІе йолчу меттера дІа а бахана, яьсса аре чекхйолучохь, Атам цІе йолчу меттигна уллохь севцира уьш. 21Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. 22Марханийн бІогІам а, цІеран бІогІам а халкъана хьалхара дІаболуш бацара.

 

14

 

Исраилхой хІорда юккъехула бахар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка дІаала, юха а дерзий, Пи-ХІахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цІе йолчу меттигний, хІорданий юккъехь, БаІал-Цепонна уллохь яккха. 3ПирІунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу. 4Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.
5Мисаран паччахье, пирІуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хІун ду вай динарг? ХІунда бахийти вай уьш дІа? ХІинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара. 6Шен гІудалкх дІа а йожийтина, тІемалой вовшахтуьйхира пирІуно. 7Ялх бІе тоьлла тІеман гІудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гІудалкхаш а, царна тІехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо. 8Везачу Эло дог а чІагІдина, исраилхошна тІаьхьаваьллера пирІун. Ткъа исраилхой майрра дІабоьлхуш бара. 9Мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тІаьхьабевллера. Пи-ХІахьират олучу меттигна уллохь, БаІал-Цапонна хьалха царна тІаьхьакхиира уьш.
10Исраилхошна эскарца шайна тІевогІу пирІун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш. 11Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? 12ХІара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гІоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».
13Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. 14Везачу Эло шун дуьхьа тІом бийр бу, шун хІумма а дан ца деза».
15Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хІунда кхойкху хьо? Исраилхошка дІадуьйлало ала. 16Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. 17Ас мисархойн дегнаш чІагІдийр ду, тІаккха уьш исраилхошна тІаьхьагІур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирІунна а, цуьнан эскарна а, гІудалкхашна а, дошлошна а тІехь толам а баьккхина. 18Аса пирІунна тІехь а, цуьнан гІудалкхашна тІехь а, цуьнан дошлойшна тІехь а Сайн сийлалла гайтича, тІаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».
19Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. 20Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш.
21Мусас хІорда тІехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чІогІа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хІорд дІаса а бекъабалийтина, латта дакъийра. 22ХІорда юккъерачу лаьтта тІехула дІабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агІор хи дара царна. 23ТІаьхьабевлла богІу мисархой шайн ерриг а говрашца, гІудалкхашца, дошлошца хІорда юккъе бевлира. 24Іуьйранна марханийн а, цІеран а бІогІамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра. 25Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»
26Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». 27Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. 28Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. 29Амма хІорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тІехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агІор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.
30Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьарбехира. ТІаьхьо исраилхошна хІордан берда тІехь мисархойн декъий гира. 31Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.

 

15

 

Мусас яьккхина назма

 

1ТІаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира:

 

 

«Ас Везачу Элана назма олу,
И сийлахь-воккха хиларна.
Дин а, бере а цхьаьна
Цо хІорда чу кхоьссина.
2Веза Эла сан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа ас назма олу,
Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела.
Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас.
Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
3Веза Эла сийлахь тІемало ву,
Цуьнан цІе ЯхІува[15] ю.

 

4ПирІунан эскар а, гІудалкхаш а хІорда чу кхиссина Цо,
тоьлла болу пирІунан тІеман хьаькамаш Эрзан хІорда чу бахана.
5КІоргачу хиша уьш къайлабехира.
ТІулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.

 

6Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду.
Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагІа хІаллаквина.
7Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш.
Хьайн оьгІазалла царна тІе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.
8Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна,
пен санна, дІахІоттийра.
ХІордан кийрара хи дукъделира.
9МостагІчо элира: „Царна тІаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас,
церан хьал схьа а доккхур ду.
Тур а даьккхина, сайн дог Іабош, сан куьйго уьш хІаллак а бийр бу“.
10Амма Ахь царна тІе мох хьаькхира,
тІаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хІордан буьрсачу хиша дІахьулбира.

 

11Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь?
Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а,
инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву?
12Ахь аьтту куьг тесча,
уьш Лаьтто дІахьулбира.
13Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кІелхьардаьккхина халкъ,
онда гІо лоцуш, езачу Хьайн хІусаме дигна хир ду Ахь.
14Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду.
ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду.
15Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу,
Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу,
КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.
16Кхерамо Іадор бу уьш!
Хьан сийлахь куьг а гина,
тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш,
Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц,
мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц.
17ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте
охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла,
Хьайна хІусам Ахь йинчу метте,
Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне!
18Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».

 

Марема йиш лакхар

 

19Шайн гІудалкхашца пирІунан говраш а, дошлой а хІорда чу бевлча, Везачу Эло хІордан хи царна тІе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хІорда юккъехула лаьтта тІехула дехьадаьллера.
20АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. 21Марема царна эшар лекхира:
«Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду.
Дин а, бере а хІорда чу кхоьссина Цо».

 

Къаьхьа хи

 

22Исраилхой Эрзан хІорда тІера дІабигира Мусас. Шур цІе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дІаоьхуш, хи ца карадора царна. 23Эххар а Марра цІе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цІе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду). 24Нах Мусана реза бацара: «Оха хІун мер ю?» – бохура цара. 25Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТІаккха хи малалуш хилира.
Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тІедиллира Дала. 26Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогІахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тІедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тІе яхкийтинчу цамгарех шуна тІе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хІунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».
27Элим цІе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.

 

16

 

«Манна» а, лекъарчий а

 

1Элим олучу меттера дІа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цІе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ. 2Цу арахь Мусага а, АхІароне а лен буьйлабелира нах. 3«Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гІолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Іара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хІокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара.
4Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. 5ЙолхалгІачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».
6Мусас а, АхІарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла. 7Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Іуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хІун ду?» 8Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Іуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхІаронан а карахь хІумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».
9АхІароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дІаала: „Везачу Элана хьалха хІитта, хІунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гІовгІанаш“». 10АхІарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦІеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира. 11Везачу Эло Мусага элира: 12«Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДІаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Іуьйранна Іаббалц бепиг а хир ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».
13Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. 14Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. 15Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю.
Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. 16Цо боху вайга, доьзалехь волчу хІора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Іаш волчунна хІоранна цхьа Іовмар[16] гулде иза, хІора дийнахь шайна тоъал».
17Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кІезиг гулдира кхачанан буьртигаш. 18Іовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кІезиг гулдиначун тІеоьшуш а ца хуьлура. ХІораммо а цхьана стагана даъал гулдинера. 19Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Іуьйренга довллалц ма диталаш». 20Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгІира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгІачу денна дитира. Кхачанна нІаьний а дина, цунах вон хьожа йогІура. ТІаккха Муса нахана оьгІазвахара. 21Іуьйранна хІораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.
22ЙолхалгІачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хІоранна а шишша Іовмар кхочуш. Тхьамданаша, тІе а баьхкина, Мусага хаийтира иза. 23Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хІума ду, хІунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоІу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дІа а йиллий, кханенга яккха». 24Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дІайиллира цара, амма яа хІума ца телхира, нІаьний а ца дира цунна. 25Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоІу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац. 26Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхІалгІа де Далла лерина садоІу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».
27Цуьнга ла а ца доьгІна, цхьаберш арабевлира ворхІалгІачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хІумма а кара-м ца йира. 28Везачу Эло Мусага элира: «Деха Іийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тІедехкинарш а кхочуш ца деш? 29Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоІу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгІачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цІахь Іе, ворхІалгІачу дийнахь ара ма довла». 30ВорхІалгІачу дийнахь халкъо садоІура.
31Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Іебархойн маттахь «И хІун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хІу санна, кІайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра. 32Мусас элира: «Везачу Эло вайна тІедиллина: „Цхьацца Іовмар и кхача шайн тІаьхьенашна дІабилла, тІаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тІаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“». 33Мусас АхІароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Іовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хІоттае, вайн тІаьхьенашна юьсур ю иза». 34ТІаьхьа, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, АхІарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тІорказ чохь йолчу, Дала еллачу тІулгийн экъанашна хьалха хІоттийра, Іалашъярхьама. 35Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тІехь Іен долчу лаьтта тІе а, КанаІан-мехкан дозанна тІе а кхаччалц. 36(Ткъа цхьа Іовмар бархІ жимачу кедан барамал яра.)

 

Тархах долало хи

 

(Лелар 20:1-13)

 

17

 

1Дерриг а Исраилан халкъ Син цІе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хІоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара. 2Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара.
«Со хІунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хІунда гІерта шу?» – бохура Мусас нахе.
3Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?»
4Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХІун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хІара дахлахь, цара суна тІулгаш деттар ду».
5Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тІаьхьа а хІиттабай, халкъана хьалхāхула чекхвала. Айхьа Нил-хи тІе тухуш лелийна Іаса хьайн кара схьаэца. 6Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас.
7Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.

 

Іамалекхахошца тІом бар

 

8Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тІаме бевлира Іамалекхахой. 9Мусас ЮшаІе элира: «Къонахий а харжий, Іамалекхахошца тІом бан гІо. Кхана, гу тІе а ваьлла, дІахІуттур ву со, Дала тамашийна хІуманаш гойту Іаса сайн буйна а лаьцна». 10Мусас бохург кхочушдеш, Іамалекхахошца тІом бан вахара ЮшаІ. Муса а, АхІарон а, Хьор а гу тІе хьалавелира. 11Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Іамалекхахой тулура. 12Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТІаккха иза тІулга тІе охьа а хаийна, АхІарона а, Хьора а, цхьацца агІор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дІалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш. 13Иштта Іамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаІа.
14Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». 15Цигахь сагІа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цІе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас. 16Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Іамалекхахошца даим а тІом беш хир бу».

 

18

 

Итар Муса волчу вахар

 

1Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гІо дина аьлла. 2Мусас шен зуда Ципара цІа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоІ а, цуьнан ши кІант а тІеэцнера. 3Шина кІантах цхьаннан цІе ГІиршам яра (иза «цигахь волу тІевеанарг» бохург ду). И цІе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тІевеана стаг волу дела. 4Вукху кІентан цІе ЭлиІазар яра (и цІе «Дала суна гІо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гІо а дина, пирІунан туьрах со кІелхьарваьккхина». 5Мусан зуда а, ши кІант а валош, цуьнан стунда Муса волчу яьссачу ара тІевеара. Мусас цигахь, Делан лома уллохь, меттамотт хІоттийнера. 6Итара Мусага хаийтира: «Со хьан стунда Итар ву, хьан зуда а, ши кІант а ву соьца». 7Дуьхьал а ваьлла, шен стундена хьалха охьа а таьІна, цунна барт баьккхира Мусас. Маршалла а хаьттина, четар кІел бевлира уьш. 8Мусас шен стундена дийцира исраилхойн дуьхьа Везачу Эло пирІунна а, мисархошна а динчух лаьцна а, шаьш новкъахь лайначу баланех а, Везачу Эло шайна гІо дарх лаьцна а. 9Итарна хазахийтира, Везачу Эло исраилхой мисархойх кІелхьар а баьхна, царна динчу дерриге а дикачух лаьцна хезча. 10Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирІунан куьйгах кІелхьардаьхна, ткъа хІара къам Мисаран олаллех паргІатдаьккхина. 11ХІинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хІара дерриг дина дела». 12Итара Далла лерина дийнат дагош долу сагІа а, кхин важа сагІанаш а дехира. АхІарон а, исраилхойн къаной а баьхкина, Итарца цхьаьна охьахевшина, Далла хьалха хІума йиира цара.

 

Куьйгалхой хІиттор

 

(Карлабаьккхинарг 1:9-18)

 

13ШолгІачу дийнахь, кхелахо а хилла, халкъана гІуллакх дан хиира Муса. Іуьйранна дуьйна сарралц лаьттира адам Мусана хьалха. 14Мусас деш дерг а гина, Итара хаьттира: «Ахь халкъан дуьхьа деш дерг хІун ду? Іуьйранна дуьйна сарралц хьо цхьаъ бен хІунда вац кхелахо хилла Іаш? Хьуна цхьанна хьалха хІунда лаьтта халкъ?»
15Шен стундега Мусас элира: «Суна тІе нах богІу, соьгахула Делан лаам хаа. 16Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тІедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».
17Амма Мусан стундас элира: «Нийса дац ахь деш дерг. 18Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хІунда аьлча хьуна хала ду хІара гІуллакх дІакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза. 19Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догІий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гІуллакхаш Деле дІа а хоуьйтуш. 20Нахана Делан парзаш а, Цо тІедехкинарш а Іамаде, цара дІакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гІуллакхаш а довзийта. 21Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. 22Уьш нахана тІехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гІуллакх хилахь, иза хьайна тІедаийта, ткъа кегий гІуллакхаш шайга къастадайта. ТІаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю. 23Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тІе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргІатбевлла, шайн цІа а гІур бу».
24Шен стундега ла а доьгІна, цо бохург дира Мусас. 25Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хІиттийра цо эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь. 26Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гІуллакх цара Мусана тІедахьара, ткъа кегийра гІуллакхаш шаьш къастадора.
27Юха Мусас шен стунда новкъа ваьккхира. Итар шен махка дІавахара.

 

19

 

Исраилхой Синай-лам болчохь

 

1Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагІа бутт чекхболуш, бутт цІинлучу хенахь, Синай цІе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. 2Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хІоттийра. 3Муса лома тІе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тІера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тІаьхьене, исраилхошка, дІаала:
4„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тІемаш тІехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. 5Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. 6Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“.
Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта».
7Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тІе диллинарг цаьрга дІаэлира Мусас. 8Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас.
9Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хІуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама».
ТІаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. 10Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тІе а гІой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дІакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. 11КхозлагІчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тІе вуссур ву. 12Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тІе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву. 13Адам делахь а, хьайба делахь а, тІулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Іотта. Локхучу уьстагІан маІан дахдина аз хезча, нах лам тІе хьалабовла мегар ду».
14Лома тІера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хІуманаш йиттира. 15Цо халкъе элира: «КхозлагІчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гІо».
16КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. 17Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кІел Делаца цхьаьнакхета дІадигира. Уьш ламанан кІажехь дІахІиттира. 18Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура[17]. 19УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. 20Синай-ламанан бохь тІе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тІе кхайкхира. Муса хьалавелира. 21Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гІерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хІаллакьхир бу. 22Веза Эла волчу Суна улло богІу динан дай а тІехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта».
23Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тІе дала бакъо яц, хІунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дІакъастабе аьлла».
24Везачу Эло цуьнга элира: «ГІой, нах болчу чувосса, юха АхІаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хІаллак ца дайта». 25Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дІаэлира Мусас.

 

Делера болу итт хьехам

 

(Карлабаьккхинарг 5:1-21)

 

20

 

1Юха Дала халкъе хІара дешнаш элира:
2«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
3Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.
4Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. 5Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. 6Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
7Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац.
8Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. 9Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. 10Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. 11Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло.
12Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама.
13Адам ма де.
14Нахаца ма лела.
15Къола ма де.
16Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
17Шайн уллорачун цІа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма деза».

 

Халкъ кхоьру

 

(Карлабаьккхинарг 5:22,23)

 

18Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цІеран алу а, кІур туьйсу лам а гора, уьстагІан маІан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. 19Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугІур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».
20Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». 21Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.

 

СагІа доккхучу меттигех долу парзаш

 

22Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. 23Суна хьалха шайна дато а, дашо а цІуш ма бе. 24Лаьттах Суна лерина сагІа доккху меттиг а яй, цу тІехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш даха, шайн уьстагІий а, стерчий а далош. Сан цІе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тІе а вогІуш, Ас шу декъалдийр ду. 25Нагахь шаьш Суна лерина сагІа доккху меттиг тІулгех еш хилахь, хьаькхначу тІулгех ма е иза. ТІулг хьокхучу гІирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. 26СагІа доккхучу меттигна тІевоьдучохь лами ма бе. Цунна тІехула шу хьаладовлуш, бедаршна кІелхьара шун дегІ гур ду“».

 

Лейх лаьцна Дала тІедиллинарг

 

(Карлабаьккхинарг 15:12-18)

 

21

 

1«Халкъана хьалха ахь кхайкхо деза тІедехкинарш хІорш ду: 2Нагахь айхьа Іебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза, цунах мах а ца боккхуш. 3Нагахь иза ша веанехь, ша дІа а хеца. Нагахь иза зудчуьнца хиллехь, цуьнца цхьаьна зуда а дІаяхийта. 4Нагахь хІусамдас шен лена зуда а ялийна, зудчо цунна кІентий я йоІарий бинехь, шен зуда а, бераш а хІусамдена а дитина, иза ша дІаваха веза. 5Амма лено ала тарло: „Сайн хІусамда а, сайн зуда а, бераш а деза суна, со паргІатваккхийта ца лаьа суна“. 6ТІаккха хІусамдас, лай Далла хьалха а хІоттийна, неІарна я неІаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Іуьрг даккха деза, ю а Іоьттина. ТІаккха лай тІейогІу мел йолчу хенахь хІусамдена вуьсур ву.
7Нагахь цхьаммо шен йоІ лолле йохкахь, боьршачу лешка хьаьжча, иза мукъаяккхар кхечу тайпана хуьлу. 8Нагахь цунах шена гІарбаш-зуда ян хІусамда реза вацахь, иза паргІатъялийта еза цо. Хийрачу къомах болчарна иза йохка бакъо яц цуьнан, иза цуьнца мекарлонца лелла дела. 9Нагахь хІусамдас иза шен кІентан дола яккхахь, шен йоІ санна лело еза цо иза. 10Нагахь цо шена кхин зуда ялаяхь, хьалха ялийна йолчу зудчунна а кхача а, бедар а латтор а, майрачо ден Іуналла а лагІдан ца деза цо. 11Нагахь и кхо хІума кхочушдеш дацахь, цу зудчунна дІаяха бакъо яла еза, цунах мах а ца боккхуш».

 

Ницкъ барх лаьцна тІедиллинарг

 

12«Нагахь стага валлал чІогІа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. 13Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дІаваха веза. 14Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагІа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дІа а вигий, ве иза.
15Дена я нанна тоьхнарг вен веза.
16Цхьаммо стаг, лачкъа а вина, вохкахь, я иза цуьнгахь каравахь, и лачкъийнарг вен веза.
17Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза.
18Шина стеган дов а даьлла, цхьаммо вукхунна тІулг я буй а тоьхна, иза вала ца лахь, амма метта охьавижахь, 19юха хьала а гІоттуш, иза гІожаца чу-ара волуш хилахь, цунна тоьхнарг вен ца оьшу. Амма бехке волчо лазийначунна мах бала беза иза болх ца балуш вуьсучу ханна. Цул сов, бехке волчо лазийнарг Іалашван веза, цуьнан могушалла кхоччуш юхаметтахІотталц.
20Нагахь цхьаммо шен лена я гІарбашна гІаж а тоьхна, иза лахь, цунна таІзар дан догІу. 21Амма лазийначунна цхьана-шина дийнахь гІоле хилахь, хІусамдена таІзар дан ца оьшу, хІунда аьлча цо, ахча а делла, эцна ву и лай.
22Нах летча, цхьаммо берах йолчу зудчунна тоха а тоьхна, иза остаялахь, амма кхин зе дина дацахь, и зуда долахь йолчу стага тоьхна долу гІуда даккха деза бехке волчуьнгара кхелахоша къобалбечу барамехь. 23Амма дина доккха зе делахь, синах са даккха догІу, 24хьайн бІаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бІаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког, 25вагорна дуьхьал ваго веза, чевнна дуьхьал чов, лазорна дуьхьал лазор.
26Нагахь цхьаммо шен лена я гІарбашна тоьхна, бІаьрг баккхахь, цо уьш паргІатбаха беза, хІунда аьлча бІаьрг иза маьршабовларан мах бу. 27Нагахь хІусамдас, тоьхна, шен лен я гІарбашан церг яккхахь, цо уьш паргІатбаха беза. Церг паргІатбовларан мах бу».

 

ХІусамдена жоп дала дезар

 

28«Нагахь старо стагана я зудчунна уьш баллалц маІаш Іиттахь, тІулгаш а кхиссий, бе и сту, амма цуьнан жижиг ма даа. Ткъа сту болчу хІусамден бехк бац. 29Нагахь санна сту хьалха а леташ хиллехь, цуьнан хІусамдега цунах дерг дІа а аьллехь, амма цо иза дІа ца бихкинехь, и сту, нагахь санна цо стаг я зуда дехь, тІулгаш а кхиссина, бен беза, цуьнан хІусамда а вен веза. 30Нагахь цу хІусамдена гІуда тохахь, цо иза дІадала деза, шен дахар паргІатдаккхархьама. 31КІантана я йоІана старо маІаш Іиттахь, хІусамдена, хьалхалерниг санна, таІзар дан догІу. 32Нагахь лена я гІарбашна старо маІаш Іиттахь, церан хІусамдена сту болчо ткъе итт дато ахча дала деза, ткъа сту, тІулгаш а кхиссина, бен беза.
33Нагахь цхьаммо ор схьадаьстина, я, иза даккха а даьккхина, тІе хІума а ца тоьхна, цу чу сту я вир йожахь, 34ор долчо бежана долчу хІусамдена детица гІуда такха деза, ткъа делла бежана бехке волчунна дуьсур ду. 35Нагахь цхьаннан старо, лулахочун сту маІаш а Іиттина, бехь, дийна болу сту дІа а боьхкина, цунах делла ахча шайна юкъахь декъа деза, белла сту а бекъа беза. 36Амма хьалха а, сту леташ буйла а хууш, хІусамдас иза дІа ца бихкинехь, бийначу старана дуьхьал сту бала беза цо, ткъа бийнарг цунна буьсур бу».

 

22

 

Хилла зе меттахІотторах тІедиллинарг

 

1«Нагахь цхьаммо сту я уьстагІ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагІна дуьхьал биъ уьстагІ а бала беза.
2ХІума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цІий вийначунна тІехь хир дац, 3амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тІехь цІий ду.
ХІума лачкъийначо ша дина зе дІатакха деза, амма цуьнан дІадала хІума дацахь, цо дина зе меттахІоттош, иза вохка веза. 4Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хІума – сту белахь, я вир елахь, я уьстагІ белахь а – дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.
5Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дІа а хецна, нехан дІайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дІадала деза цо.
6Нагахь цхьаммо цІе латаяхь, ткъа цу цІеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цІевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дІакхаллахь, цІе латийначо цу цІеро дина зе меттахІотто деза.
7Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Іалашдан дато ахча я хІуманаш лахь, амма цуьнан цІа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза. 8Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хІуманашна ша тІе ца кхевдина аьлла, чІагІо ян еза.
9Шина стагана юкъахь муьлхха а хІуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагІах, я бедарх, я яйначу хІуманах – къовсам белахь, и гІуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза.
10Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Іалашъян я вир, я сту, я уьстагІ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча, 11Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чІагІо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тІе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тІеэца деза, вукхо мах бала а ца беза. 12Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богІу мах даьхнин дена дІабала беза и даьхни тІелаьцначо. 13Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дІагайта еза, тІаккха хІусамдена даьхних мах бала безар бац.
14Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза. 15Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богІу мах хир бу».

 

ГІиллакх-оьздангаллех а, динах а тІедиллинарг

 

16«Нагахь маре яхаза йоІстаг Іеха а йина, цуьнца цхьаъ дІавижахь, йоІах богІу мах дІа а белла, иза яло еза цу стага. 17Ткъа нагахь йоІан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоІах томана богІу мах дІабала беза.
18Жинашца тайнарг дийна ма йита.
19Бежанца дІавижнарг ве.
20Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагІа доккхург хІаллакве.
21ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. 22Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. 23Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. 24ОьгІазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тІаккха шун зударий бисина Іаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.
25Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тІе. 26Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, 27хІунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегІ дохдеш долу. ДІа муха вуьжур ву иза, тІетесна хІума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хІунда аьлча Со къинхетаме ву.
28Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде.
29Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало.
Дуьххьара шайн хилла кІант а схьало Суна. 30Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхІ дийнахь шайн наношца а дитий, борхІалгІачу дийнахь схьало уьш.
31Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дІало иза жІаьлешна».

 

23

 

Нийсачу кхелах лаьцна

 

1«Даьсса хабар дІаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гІо ма де. 2Дуккха а нахана тІаьхьа а хІоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта. 3Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.
4Нагахь хьайн мостагІчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тІе дІадига деза уьш. 5Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Іуьллуш хьан мостагІчун вир хилахь, цигара дІа ма гІо, гІо де цунна, и вир юха когаш тІе хІоттош.
6Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тІера ма ялийта. 7Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хІунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац. 8Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо.
9ТІевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тІевеанчун дог-ойла, хІунда аьлча шу а Іийна тІедаьхкина Мисар-махкахь».

 

ВорхІалгІачу шарах а, ворхІалгІачу дийнах а лаьцна

 

10«Ялх шарахь хьайн латта дІа а де, цу тІера ялта а гулде. 11ВорхІалгІачу шарахь иза дІа ма де, лаьтте садаІийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.
12Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІачу дийнахь садаІа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гІарбашан кІанте а, тІевеанчу стаге а садаІийтархьама а.
13Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Іибадат ма де, ур-атталла церан цІераш а ма яха».

 

Кхаа дезачу дийнах лаьцна

 

(Арадаккхар 34:18-26;Карлабаьккхинарг 16:1-17)

 

14«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. 15Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта.
16Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде.
Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. 17ХІора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хІитта беза.
18Дийнатан цІийн сагІа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагІина даьккхинчун мохь Іуьйренга ма ялийта.
19Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да.
Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

 

ВаІданаш а, хьехамаш а

 

20«Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Іалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дІавига а. 21Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догІа. Дуьхьало ма е Цунна, хІунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цІе хиларна. 22Цуьнга ла а дугІуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагІийн мостагІа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву. 23Сан Малико, хьалха а даьлла, дІавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаІанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тІе вуьгур ву хьо, амма Ас хІаллакбийр бу уьш. 24Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. 25Суна, шайн Везачу Далла, Іамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тІера цамгарш дІа а йохур ю. 26Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.
27Сайх болу кхерам хьол хьалха дІабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тІедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагІий, дІа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас. 28Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаІанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дІа. 29Амма уьш цхьана шарахь дІалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тІех дукха ца хилийта. 30Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дІадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хІара латта ахь дола даккхалц. 31Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хІорда тІера ПІелаштам-хІорда тІе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тІе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тІаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. 32Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. 33Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хІунда аьлча церан деланашна ахь Іамал яхь, иза хьуна боьгІна гур хир бу».

 

24

 

Везачу Элаца бина барт чІагІбар

 

1Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхІарон а, Надаб а, АбихІу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаІа. 2Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тІе хьала ма даладе».
3Халкъана тІе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тІедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». 4Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дІаяздира. ШолгІачу Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, лома кІелахь сагІа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цІарах цхьацца тІулг а биллира. 5Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагІа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагІанаш дохура. ТІаккха, стерчий а дайина, барт баран сагІанаш а дохура. 6Мусас дийнатех даьлла ах цІий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагІа даккха меттиг тІадийра. 7Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо».
8Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо.
9Юха Муса а, АхІарон а, Надаб а, АбихІу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тІе велира. 10Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кІелахь дезачу тІулгийн экъа яра, стигал санна, цІена а йолуш. 11Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хІума а йиира, мала а мелира цигахь.

 

Муса Синай-лам тІехь

 

12Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тІе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тІехь долу тІулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». 13Шен гІоьнча ЮшаІ а эцна, Делан лам тІе хьалаволавелира Муса. 14Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Іе. АхІарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гІуллакх дерг царна тІе гІо».
15Муса хьалаваьлча, лам мархо дІахьулбира. 16Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тІе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тІехь марха лаьттира, ворхІалгІачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. 17Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цІе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. 18Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тІехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Іийра иза лам тІехь.

 

Делан цІенна лерина совгІаташ

 

(Арадаккхар 35:4-9)

 

25

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка, Суна совгІаташ да алий. Даггара сагІа дала лууш лелачу хІора стагера Суна лерина совгІаташ схьаэца. 3Аш схьаэца езаш йолу хІуманаш хІорш ю: деши а, дети а, цІаста а, 4сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а, газанан тІаргІа а, 5цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканаш а, хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиг а, акацин дечиг а, 6къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогІучу сегІазах а туху хаза хьожа йогІу хІуманаш а, 7ийпадна а, некха тІе уллучу безачу тІоьрмагна а тІехІитто оникс цІе йолу беза тІулг а, кхидолу деза тІулгаш а. 8Нахе Суна цІа дайта, тІаккха Со царна юкъахь Іийр ву. 9Ас хьайна ма-гайттара де и цІа а, цу чуьра хІуманаш а».

 

Бартбаран тІорказах лаьцна

 

(Арадаккхар 37:1-9)

 

10«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. 11Чухула а, тІехула а цІена деши лаца цунна. ТІорказна тІехула, цунна гонах, дашо сара лаца. 12ТІорказна йиъ дашо чІуг а яй, беа когахь дІачІагІъе уьш: шиъ цхьана агІор, шиъ вукху агІор. 13Акацих хьокхий а дай, тІехула деши лаца царна. 14Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама. 15ЧІагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тІорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дІадаха ца могуьйту. 16ТІорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.
17Дала къинош дІадоху негІар а де цІеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза. 18Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. 19Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор а долуш, и шиъ негІарца дийнна цхьа хІума хила деза. 20Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негІарна тІедирзина а хир ду и каруб-маликаш. 21НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. 22Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула».

 

Даздина баьпкаш тІедохкучу стоьлах лаьцна

 

(Арадаккхар 37:10-16)

 

23«Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 24Цунна гонах деши а лаций, тІаккха гонах дашо сара лаца. 25Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тІе а дашо сара лаца. 26Стоьлана йиъ дашо чІуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тІехь, дІачІагІъе. 27Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь хила еза. 28Хьокхий а акацих де, царна тІехула деши лаца. Царна тІехь лелор ю и стол. 29Стоьлана тІехІитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама. ЦІеначу деших е и хІуманаш. 30Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».

 

Стогарх лаьцна

 

(Арадаккхар 37:17-24)

 

31«ЦІеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гІад а, цу тІехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза. 32Ялх га хила деза цунна тІехь: кхо га цхьана агІор, кхо га вукху агІор. 33Цхьана гаьнна тІехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тІехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тІехь хила деза уьш. 34Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гІода тІехь. 35Стогаран гІодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кІелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагІчу шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг хила еза. 36Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цІеначу деших дина хила деза. 37ВорхІ къуьда а бай, цунна тІе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агІо серлаяккхийта. 38ЦІеначу деших тукарш а, нойш а е цунна. 39Берриг а шен гІирсашца цхьана галин барамехь долчу цІеначу деших бе и стогар. 40Варелахь, лам тІехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».

 

Делан цІийнах лаьцна

 

(Арадаккхар 36:8-38)

 

26

 

1«Делан цІа шех дина долу четар дуткъачу кІадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а де. КІадеш тІехь говзачу балхаца тІетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза. 2ХІора шаршун йохалла ткъе бархІ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза. 3Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза. 4Сийначу кІадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агІор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а. 5Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тІехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгІачу пхеаннах йолчу йистерачунна тІехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза. 6Шовзткъе итт дашо мІара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тІаккха цхьа четар хир ду цунах.
7Газанан тІергІах шаршуш е четарна тІехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза. 8Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш. 9Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгІа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе. 10Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агІор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а. 11Шовзткъе итт цІестан мІара а яй, уьш туьйдаргех дІатийса, тІаккха дерригенах а цхьа четар хир ду. 12Четарна тІетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тІехьарчу агІонна чукхозуш йита. 13Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агІор кхозуш йита, четар хьулдархьама.
14Ши кхалор е четарна тІехула лаца – цхьаъ цІен басар хьаькхна йолчу уьстагІийн цІоканех, важа хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах.
15Акацих ирахІиттийна гураш кечде четарна. 16Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш. 17ХІора гуран ши зІок хила еза, цхьаъ шолгІачунна уллохь а йолуш. 18Четаран къилбехьа йолчу агІор ткъа гур бе. 19Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зІакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зІакарна. 20Четаран къилбаседехьа йолчу агІор ткъа гур бе. 21Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш. 22Четаран тІехьарчу, малхбузехьа йолчу агІор ялх гур кечбе. 23Ши гур тІехьарчу агІор шина сонехь а кечбе. 24Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чІагарх дІатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза. 25Берриг а бархІ гур хир бу, уьш тІехІитто ялхитта дато бух а болуш – хІора гурана шишша бух.
26Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агІор долчу гурашна, 27пхиъ вукху агІор долчу гурашна, кхин пхиъ тІехьарчу, малхбузехьарчу агІор долчу гурашна. 28Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза. 29Гурашна тІехула деши лаца, хьокхий чухІитто чІагарш а деших е, хьокхешна тІехула а деши лаца. 30Хьайна лам тІехь гайтинчу кепара четар дІахІоттаде.
31Сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тІехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза. 32И кирхьа акацих бинчу беа бІогІамна тІеолла. И бІогІамаш дешица кхелина а, шайна тІехь дашо зІакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тІехь лаьтташ а хила деза. 33Четаран лакхахь уллу мІерех дІатаса и кирхьа. Цунна тІехьа дІахІоттаде бартбаран тІорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дІакъастор ю. 34Уггар езачу чохь долчу бартбаран тІорказна тІе негІар дилла. 35Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агІор стол хІоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агІор стогар хІоттабе.
36Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а шаршу кечъе, тІехь говзачу суьрташца юьйцина йолу. 37И шаршу дІаолла акацих пхи бІогІам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тІехь дашо мІерий а де, и бІогІамаш тІехІитто пхи цІестан бух а бе».

 

СагІа доккхучу кхерчах лаьцна

 

(Арадаккхар 38:1-7)

 

27

 

1«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. 2Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала. 3Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. И хІуманаш цІастанах йина хила еза. 4ЦІастанах цаца бе кхерчана тІебилла. Цецан еа маьІІехь цІастанах цхьацца чІуг е. 5Кхерчан хІазарна кІел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дІа а нисбеш. 6Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тІе а цІаста лаца. 7Хьокхий чІагаршна чу хІиттаде, кхерч дІахьочу хенахь уьш шина агІор хилийта. 8Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тІехь хьайна ма-гайттара».

 

Делан четаран кертахь

 

(Арадаккхар 38:9-20)

 

9«Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агІор дуткъачу кІадих йина шаршуш охка, церан йохалла бІе дол хила еза. 10Ткъа бІогІам а, ткъа цІестан бух а хІоттабе царна. БІогІамаш тІера мІерий а, царна тІера дІатосургаш а дато хила еза. 11Иштта къилбаседехьа агІор а бІе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бІогІам а, цІестан ткъа бух а кечбе. БІогІамаш тІера мІерий а, дІатосургаш а детих е. 12Кертан шоралла, малхбузехьа агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бІогІам а, итт бух а кечбе. 13Кертан шоралла, малхбалехьа агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бІогІам а, итт бух а кечбе. 14Цхьана агІор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бІогІам а, кхо бух а кечбе. 15Вукху агІор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бІогІам а, кхо бух а кечбе. 16Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бІогІам а, биъ бух а кечбе. 17Дерриш а кертана гонахара бІогІамаш детих йинчу дІатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тІера мІерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цІастанах бина хила беза. 18Керт йохалла бІе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кІадих хила еза, бІогІамийн баххаш цІестан хила деза. 19Делан четар чохь лело гІирсаш а, иза чІагІдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чІагІдеш долу хьостамаш а цІастанах дина хила деза».

 

Стогар Іалашбарх лаьцна

 

(Іамалъяр 24:1-4)

 

20«Исраилхошна тІедилла, даго тоьлла цІена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 21Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза».

 

Динан коьртачу ден АхІаронан духарх лаьцна

 

(Арадаккхар 39:1-7)

 

28

 

1«Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. 2Хьайн вешина АхІаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. 3Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. 4Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. 5Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а схьаэцийта.
6Деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а ийпад цІе йолу тІехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга. 7Белшашкахь ийпад дІайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агІо цхьаьнатесна хилийта. 8Ийпадна тІехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а дина хила деза иза. 9Оникс цІе йолу ши беза тІулг схьа а эций, царна тІехь Исраилан кІентийн цІераш язъе: 10ялх цІе цхьана безачу тІулга тІехь, важа ялх вукху безачу тІулга тІехь, вокх-воккхачу кІентан цІе хьалха а язъеш. 11МухІар дечу пхьере шина тІулга тІехь Исраилан кІентийн цІераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хІиттадайта и тІулгаш. 12Ийпадан гураш тІехь чІагІъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхІарона шен белшаш тІехь лелор ю и цІераш, уьш дагахь латтийта. 13Деших беттанаш е. 14ЦІеначу деших юьйцина ши зІе а яй, уьш беттанаш тІе дІатийса».

 

Некха хьалха уллучух лаьцна

 

(Арадаккхар 39:8-21)

 

15«Говзачу балхаца некха тІе уллу беза тІоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина хила еза иза а. 16ЕакІов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш. 17Дашо беттанаш чохь деза тІулгаш дахка безачу тІоьрмагна тІе беа могІарехь. Цхьана могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта. 18ШолгІачу могІарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта. 19КхозлагІчу могІарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта. 20БоьалгІачу могІарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хІиттийна хила деза уьш. 21ТІулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кІентан цІарах. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цІе язйина хила еза. 22ЦІеначу деших юьйцина зІенаш е безачу тІоьрмага тІе таса. 23Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган шина маьІІе дІатаса уьш. 24Юьйцина ши зІе оцу шина чІагарх дІатаса. 25Шина зІенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агІор долчу ийпадан гурашна тІехь йолчу шина баттах дІатаса. 26Дашо ши чІуг а яй, безачу тІоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьІІе дІатаса уьш. Ши дашо чІуг а яй, безачу тІоьрмагна чухула ийпад йолчу агІор дІатаса уьш. 27Кхин а ши дашо чІуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агІор, доьхкарна тІехула дІатаса уьш. 28Беза тІоьрмаг шен чІагаршца сийначу эханган тІергаца ийпадан чІагарех дІабехка, ийпадан доьхкарна тІехула а болуьйтуш, ийпадах дІа а ца къостуьйтуш.
29Ша Делан четар чу воьдуш, АхІарона безачу тІоьрмага тІехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цІераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта. 30Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш[18]. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона».

 

Динан дайн духар

 

(Арадаккхар 39:22-31)

 

31«Ийпадаца юха оба е сийначу басахь. 32Цунна юккъехь корта чекхбаккха Іуьрг хила деза. ЭтІа ца этІийта цу Іуьрган йистош, кІади а лоцуш, дІатега еза. 33Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш. 34Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх. 35Оба АхІаронна тІехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хІуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.
36ЦІеначу деших экъа е. Цу тІехь, мухІар тІехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“. 37Чалбанан хьалхарчу агІор сийначу тІергаца дІатаса иза. 38АхІарона иза шен коьрта тІехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагІанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тІе лоцур бу. Веза Эла оцу сагІанашна резахилийта, массо а ханна АхІарона шен коьрта тІехь лело еза и экъа.
39Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.
40АхІаронан кІенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хІуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. 41Хьайн вешина АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІедуха и духарш. Царна тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дІа а къастош, тІаккха Суна лерина гІуллакх деш динан дай хир бу царах. 42Дуткъачу кІадих, гІодаюкъара гІогІаш тІе кхаччалц дегІ хьулдеш, бедар кечъе царна. 43И бедарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІехь хила еза, уьш гуламан четар чу богІуш а, езачу чоьнна чохь гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерчана тІе богІуш а, царна тІе бехк а биллина, уьш хІаллак ца хилийтархьама. АхІаронна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина хІума ду иза».

 

Динан дай къобалбан тІедехкинарш

 

(Іамалъяр 8:1-36)

 

29

 

1«Суна лерина гІуллакх дан царах динан дай беш, ахь хІара дан деза: кхиъна йогІу старгІа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза), 2совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кІенан демах дина хила деза. 3Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгІица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада.
4АхІарон а, цуьнан кІентий а, гуламан четаран неІаре схьа а балабай, хица лийчабе. 5Духарш схьа а эций, АхІаронна тІе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тІоьрмаг а олла, юкъах ийпада тІехула доьхка а дехка. 6Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тІехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чІагІде. 7Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхІаронан коьрта тІе дотта, иза къобал а веш.
8Схьа а балабай, цуьнан кІенташна тІе кучамаш юха. 9Царна[19] юкъах доьхкарш а дехка, кортош тІе кІадинан асанаш а яхка, тІаккха царах ерриг а тІейогІучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а Суна леррина гІуллакх дан къобалбийр бу ахь.
10СтаргІа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дохкур ду. 11Делан цІенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгІина. 12СтаргІин цІий хьайн пІелгаца сагІа доккхучу кхерчан маІаш тІе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта. 13Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доІах тІехь йолу мохь а, шайна тІера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. 14СтаргІин жижиг а, неІ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагІа ду.
15Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхІарона а, цуьнан кІенташа а цуьнан коьрта тІе куьйгаш дохкур ду. 16Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цІий схьа а эций, сагІа доккхучу кхерчан еа агІонна тІе цинцаш тоха. 17Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тІеяхка. 18Берриг а ка сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. Иза дийнат дагоран цІера тІехь даьккхина сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
19Важа ка а схьабалабе. АхІарона а, цуьнан кІенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тІе дохкур ду. 20Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цІийх цхьадерг АхІаронан а, цуьнан кІентийн а аьтту лерган дуьмана тІе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пІелга тІе а хьакха. Юха сагІа доккхучу кхерчан еа агІонна тІе цІийн цинцаш тоха. 21Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагІа доккхучу кхерча тІера цхьажимма цІий а, схьа а эций, АхІаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тІетоха, цуьнан кІенташна а, церан бедаршна а цинцаш тІетоха. ТІаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кІентий а базбина хир бу.
22АхІарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доІахана тІера мохь а, ши жим а, царна тІера мохь а, аьтту гІогІ а схьаэца. 23Везачу Элана хьалха дІахІоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца. 24И дерриг а АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дилла. ТІаккха цаьрга и хІуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайийта. 25Юха, цаьргара схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІина тІехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду.
26АхІарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа иза.
27Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. 28ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь.
29АхІаронна дина деза духарш цуьнан кІенташна дуьсур ду, и духарш шайна тІехь а долуш, уьш, тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбархьама. 30ВорхІ дийнахь и духарш лело деза АхІаронан метта веанчу цуьнан кІентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гІуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас.
31АхІарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде. 32Гуламан четаран неІарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхІарона а, цуьнан кІенташа а. 33АхІаронан а, цуьнан кІентийн а къинош дІадахаран Іадатехь, Суна хьалха гІуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна. 34Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Іуьйре тІекхаччалц хІума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хІунда аьлча иза беза кхача бу.
35АхІаронца а, цуьнан кІенташца а дан дезарг Ас хьайна тІе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гІуллакх дан уьш къобалбар ворхІ дийнахь дІадахьа деза. 36ХІора дийнахь цхьацца старгІа, е а йийна, къинна дуьхьал сагІа санна яккха, къа дІадаккхархьама а, сагІа доккху кхерч цІанбархьама а. Кхерча тІе даьтта дотта, иза беза хилийта. 37ВорхІ дийнахь иштта къа дІадоккху сагІанаш даха, кхерч баз а беш. ТІаккха иза чІогІа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду».

 

ХІора дийнахь доху сагІанаш

 

(Лелар 28:1-8)

 

38«ХІора дийнахь сагІа доккхучу кхерча тІехь цхьа шо кхаьчна ши Іахар сагІина боккхур бу ахь. 39Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. 40Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. 41ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 42Иштта дагоран сагІа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хІуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас. 43Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. 44Гуламан четар а, сагІа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхІарон а, цуьнан кІентий а Ас дІакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гІуллакх дайта. 45Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. 46Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».

 

Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчах лаьцна

 

(Арадаккхар 37:25-28)

 

30

 

1«Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. 2Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. 3ЦІена деши лаца цунна тІехула а, гонах а, маІашна тІе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца. 4Серана кІелахь цуьнан шинна а агІор деших ши чІуг е, вукху агІор а е иштта ши чІуг. Кхерч лело хьокхий чекхдаха деза цу чІагарех. 5Хьокхий а акацих де, тІехула деши а лоцуш. 6Тоьшаллин тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна сехьа агІор хІоттабе и кхерч. Тоьшаллин тІорказна тІехула къинош дІадахаран негІарна дуьхьал ду иза, Со хьуна дуьхьал хІуттучу меттехь. 7Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. 8Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тІехь яго еза цо хаза хьожа йогІу хІума. ТІейогІу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. 9Цу кхерча тІехь кхин йолу хІума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш ма даха цу тІехь, иштта, чагІаран сагІа ма дитта цу тІе. 10Къинна дуьхьал даьккхинчу сагІин цІий а эцна, шарахь цкъа АхІарона оцу кхерчан маІаш тІе хьакха деза и цІий, кхерч цІанбархьама. Шуна тІаьхьенна гуттаренна а шарахь цкъа кхерч иштта цІанбан безаш бу. Везачу Элана хьалха уггар беза кхерч бу иза».

 

Делан четарна луш йолу ял

 

11Везачу Эло Мусага элира: 12«Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хІоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хІумма а ца хилийтархьама. 13ХІораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер[20] догІу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагІа ду. 14Ткъа шарал тІехваьлла волчо хІораммо а Везачу Элана и сагІа дала деза ша вагарвечу хенахь. 15Хьал долчо сов а ца луш, къечо кІезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хІораммо а. 16Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гІуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш».

 

Юьхь-куьгдуьлургах лаьцна

 

17Везачу Эло Мусага элира: 18«ЦІастанан юьхь-куьгдуьлург е цІано ян, цІастанах цуьнан бух а бе. Иза гуламан четарна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъе а хІоттаяй, цу чу хи дотта. 19АхІароне а, цуьнан кІенташка а цу чуьра долчу хица шайн куьйгаш а, когаш а дилийта. 20Шаьш гуламан четар чу боьлхуш, дегІах хи кхарза деза цара бала ца балархьама. Иштта дан деза шайн гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерча тІебоьдучу хенахь а, Везачу Элана цІера тІехь сагІа даккхархьама. 21Бала ца балархьама шайн куьйгаш а, когаш а хица дила деза цара. Царна а, церан тІаьхьенашна а гуттаренна а тІедиллина ду иза».

 

Къобалван тІедуттуш долу даьтта

 

22Везачу Эло Мусага элира: 23«Хаза хьожа йогІу уггар тоьлла хІуманаш схьаэца: шийтта герка[21] коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а, 24шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. 25Оцу дерригенах а тІедуттуш долу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. 26Гуламан четарна а, тоьшаллин тІорказна а, 27стоьлана а, цу тІехь лаьттачу хІуманашна а, стогарна а, цуьнан гІирсана а, хаза хьожа йолу хІума ягочу кхерчана а, 28дийнаташ дагоран сагІа доккхучу кхерчана а, цуьнан гІирсана а, цІано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тІе дотта иза. 29Иштта язъе и хІуманаш, тІаккха уьш чІогІа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду. 30АхІарон а, цуьнан кІентий а, тІе даьтта а доттий, базбе, Суна гІуллакх деш динан дай царах хилийта. 31Исраилхошка дІаала: „Шун тІаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза. 32Хийрачу нехан догІмашна тІе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Іалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чІогІа деза ду, шуна деза хила а деза иза. 33Цунах тера даьтта а кечдина, иза хийрачу стагана тІе дуттург шен халкъана юкъара эккхор ву“».

 

Хаза хьожа йогІу сегІаз

 

34Везачу Эло Мусага элира: «Хаза хьожа йогІу сегІазаш схьаэца: стакти а, оних а, халван а, цІена ливан а цІе йолу хІуманаш. Ерриг а цхьана барамехь хила еза. 35Хаза хьожа йогІу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а сегІаз кечде цу хІуманех. Цу чу туьха таса, иза цІена а, деза а хилийтархьама. 36Цунах цхьа дакъа, кегийра ата а атий, гуламан четар чохь, Со хьайна дуьхьал вогІун волчохь, тоьшаллин тІорказна хьалха дилла. Шуна чІогІа еза хІума хир ю иза. 37И санна хаза хьожа йогІу сегІаз шайна ма делаш, Везачу Элана лерина бен хила йиш яц и еза хІума. 38Цуьнан хьожа кхетархьама цунах тера сегІаз кечдинарг шен халкъана юкъара эккхор ву».

 

Пхьерех лаьцна

 

(Арадаккхар 35:30–36:1)

 

31

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Ас хаьржира ЯхІудан тІаьхьенах волчу Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал. 3Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: 4говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, 5дезачу тІулгах а, дечигах а хІуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. 6Данан тІаьхьенах волу Ахьисамахан кІант ОхІлиаб велира Ас цунна гІоьнна. ХІора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тІедиллинарг цаьрга кхочушдайта. 7Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тІорказ а, цу тІе негІар а, четаран берриг а гІирс а, 8стол а, цуьнан гІирс а, цІеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гІирс а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч а, 9дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гІирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 10динан дайн деза духарш а (Іамал ечу хенахь динан да волчу АхІарона а, цуьнан кІенташа а тІедуха дезаш долу деза духарш), 11къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогІу сегІаз а – дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара».

 

Шоьтан садоІу де ларар

 

12Везачу Эло Мусага элира: 13«ДІаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоІу денош ларде, хІунда аьлча тІейогІуш йолчу тІаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла. 14Шоьтан садоІу де ларде, хІунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву. 15Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де – Везачу Элан дуьхьа дІакъастош долу дуьззина садаІаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза. 16Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоІу де, шайн тІаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна. 17Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тІейогІу йолчу ханна, хІунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхІалгІачу дийнахь Цо, Ша динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, садаьІна“».
18Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло.

 

Дашо старгІа

 

(Карлабаьккхинарг 9:6-29)

 

32

 

1Муса лам тІера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхІаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна[22]».
2АхІарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кІентийн а, йоІарийн а лергех йохку дашо чІагарш, схьа а яхий, со волчу схьая». 3Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чІагарш схьа а яьхна, уьш АхІаронна схьаеара. 4Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш.
ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела[23] ву хІара, Исраилан халкъ!»
5Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагІа доккху меттиг а кечйина, АхІарона дІахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». 6ШолгІачу дийнахь, хьалххе хьала а гІевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагІевттира уьш.
7Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. 8Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара[24], Исраилан халкъ!“» 9Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. 10ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас».
11Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тІе Хьайн оьгІазалла иштта хІунда юссуьйту Ахь? 12Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. 13Дагабахкийтахьа ИбрахІим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чІагІо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чІагІо йина хІара латта шун тІаьхьенашна дІа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“». 14ТІаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.
15Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. 16И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара.
17Наха ен гІовгІанаш а хезна, ЮшаІа Мусага элира: «ТІеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь».
18Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду».
19Меттамотт болчу улло а веана, старгІин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чІогІа оьгІазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кІажехь охьа а кхиссина, йохийра цо. 20Цара йина старгІа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дІамалийтира цо. 21«ХІокху наха хьуна хІун дина, сел чІогІа къа ахь кхаьрга латадайта?» – аьлла, хаьттира Мусас АхІароне.
22«ОьгІаз ма гІолахь, сан эла, – аьлла, жоп делира АхІарона, – хьуна ма хаьа, хІара халкъ вониг дан атта дІадоьрзийла. 23Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна[25]“. 24Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, – аьлла. Цара схьаделча, ас иза цІерга кхоьссира, цунах хІара старгІа хилира».
25Мусана гира халкъан эргІаддалар, АхІарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагІашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хІинца. 26Шайн меттаматтан кевнехь дІа а хІоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тІевола!» Берриг а левихой цунна тІебахара. 27Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХІора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дІа а гІой, юхавола, хІораммо а шен ваша а, доттагІа а, уллораниг а ве“». 28Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара. 29ТІаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хІунда аьлча шайн кІенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина».
30ШолгІачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХІинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас». 31Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина[26]. 32ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера».
33Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тІера дІавойур ву. 34ХІинца, дІа а гІой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дІадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гІур ду. ТаІзар даран дийнахь Ас оцу нахана таІзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».
35АхІарона дина старгІин сурт бахьана долуш, халкъана таІзар дира Везачу Эло.

 

33

 

Синай-лам болчуьра дІагІо аьлла, дина омра

 

1Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дІагІо. „Хьан тІаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІо йинчу лаьтта тІе гІо хІинца. 2Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаІанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу. 3Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе кхочур ду шу. Со шуьца вогІур вац, новкъахь шу хІаллак ца дархьама, хІунда аьлча шун халкъ чІогІа аьрха ду».
4И гІайгІане дешнаш а хезна, нах тийжа хІиттира, цхьаммо а шен дашо хІуманаш дегІа тІе ца оьхкира. 5ХІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДІаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дІавеача а, Ас атта хІаллакдийр дара шу. Шайна тІера дашо хІуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хІун дан деза“». 6Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тІера дашо хІуманаш схьаехира.

 

Гуламан четар

 

7Шайн меттаматтана юьстахо четар хІоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хІора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура. 8Муса гуламан четарна тІеволавелча, дерриг а халкъ хьалагІоттура. ХІора а, шен четарна хьалха а хІуттий, Мусана тІаьхьа хьоьжуш Іара, иза четарна чу ваххалц. 9Муса четарна чу вахча, мархин бІогІам, охьа а богІий, четарна чу воьдучохь соцура, тІаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора. 10ХІоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бІогІам халкъана гича, хІора а лохха охьатаьІара шен четарна хьалха лаьттачохь. 11Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагІчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогІура, ткъа цуьнан гІоьнча, Нунин кІант ЮшаІ, гуламан четарна уллора цкъа а дІа ца волура.

 

Шен халкъаца хир ву аьлла, Везачу Эло йина чІагІо

 

12Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хІара халкъ дІадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цІарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, – Айхьа аьллашехь. 13Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидІа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хІара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар».
14Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогІур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу».
15Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогІур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа. 16Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?»
17Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хІунда аьлча Со реза ву хьуна, цІарца хьо вовза а вевза Суна».
18ТІаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна».
19Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхІува боху Сайн цІе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду». 20Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац». 21Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тІе дІахІотта. 22Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хІоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тІехваллалц. 23Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тІехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».

 

ТІулган керла экъанаш

 

(Карлабаьккхинарг 10:1-5)

 

34

 

1Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тІехь ахьа йохийначу шинна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса. 2Кхана Іуьйранна кийча хила. Синай-лам тІе хьала а валий, Суна хьалха хІотта ламанан бохь тІехь. 3Хьоьца лам тІе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тІехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш». 4Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Іуьйранна гІаьттина, Синай-лам тІе велира Муса, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. ТІулган ши экъа кара схьаийцира цо.
5Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхІува (Веза Эла) аьлла, Шен цІе яьккхира Цо. 6Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, 7Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а».
8Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса. 9Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дІаволахьа. ХІара халкъ чІогІа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дІаэцахьа тхо».

 

Барт карлабаккхар

 

(Арадаккхар 23:14-19;Карлабаьккхинарг 7:1-5;16:1-17)

 

10Везачу Эло тІаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хІуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хІинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу. 11ХІинца Ас хьайна тІедуьллург Іалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаІанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. 12Ларлолахь, хьо дІавогІуш болчу махкарчу нахаца берта ма гІолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама. 13Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха.
14Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Іибадат дан мегар дац, хІунда аьлча Эмгаралла Ерг цІе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву. 15Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. 16Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта.
17ЦІуш ма бе хьайна.
18Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тІе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цІе йолчу баттахь хила дезаш ду, хІунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.
19Доьзалехь дуьххьара хилла кІант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба – я уьстагІ, я газа – Сан ду. 20Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа айхьа иза паргІат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кІентех а мах ло.
Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгІат а доцуш.
21Ялх дийнахь болх бе, ворхІалгІачу дийнахь садаІа. Ур-атталла ялта дІадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаІа.
22Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуІот“ цІе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.
23Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хІитта беза. 24Ас, хьуна хьалхара халкъаш дІа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тІе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогІуш волчу хенахь.
25Дийнатан цІий Суна сагІина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагІина ма даккха, ткъа Пасахьан сагІа Іуьйренга ма далийта.
26Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цІа чу схьаба.
Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».
27Везачу Эло Мусага элира: «ДІаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хІунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а». 28Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хІума а ца йиира, хи а ца мелира. ТІулган экъанаш тІехь бартбаран дешнаш дІаяздира цо: Делера болу итт хьехам.

 

Муса Синай-лам тІера чувоссар

 

29Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тІера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела. 30Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тІебахка ца хІуьттура АхІарон а, исраилхой а. 31Цо шайга тІекхайкхича, АхІарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тІебахара. Цаьрца къамел дира цо. 32Цул тІаьхьа массо а исраилхой цунна тІебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тІехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас. 33Нахаца къамел динчул тІаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо. 34Везачу Элана хьалха хІоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хІума дІайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тІедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо. 35Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.

 

35

 

Шоьтан садоІучу дийнах лаьцна тІедиллинарг

 

1Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тІедиллинарг хІара ду: 2ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхІалгІа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоІу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву. 3Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хІусамашкахь цІе ма латае».

 

Делан четарна лерина совгІаташ

 

(Арадаккхар 25:1-9)

 

4Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллинарг хІара ду: 5шайгара Везачу Элана совгІаташ да. Даггара сагІа дала лууш волчу хІора стага Везачу Элана лерина совгІат да: деши а, дети а, цІаста а, 6сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а, газанан тІаргІа а, 7цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканаш а, хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиг а, акацин дечиг а, 8къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогІучу сегІазах а туху хаза хьожа йогІу хІуманаш а, 9оникс цІе йолу тІулг а, ийпадна чухІитто а, некха тІе уллучу безачу тІоьрмагна тІетосу а деза тІулгаш а».

 

Делан четарна лерина хІуманаш

 

(Арадаккхар 39:32-43)

 

10«Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тІедиллинарг дан деза: 11деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тІера кхалор а, мІараш а, гураш а, хьокхий а, бІогІамаш а, баххаш а, 12бартбаран тІорказ а, цуьнан хьокхий а, негІар а, дуьхьал уллу кирхьа а, 13стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гІирс а, цу тІе хІитто Везачу Элана лерина баьпкаш а, 14четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гІирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а, 15хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а, Делан четаран неІаре уллу шаршу а, 16дийнаташ дагоран сагІанаш доху кхерч а, цуьнан цІестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гІирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а, 17кертана ухку шаршуш а, кертан бІогІамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а, 18четар чІагІъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чІагІъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а, 19Делан четарна чохь гІуллак деш тІедуха дезаш долу деза духарш а (Іамал ечу хенахь динан да волчу АхІарона а, цуьнан кІенташа а тІедуха дезаш долу деза духарш)».

 

Халкъо деана совгІаташ

 

20Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дІадахара. 21Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гІуллакх къобалдеш а волу хІора стаг вогІура Везачу Элана лерина совгІат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гІирсана а, дезачу духаршна а лерина хІуманаш яхьара цара. 22Шен даггара сагІа дала лууш долчу хІора адамо – божарша а, зударша а – мІерий а, лергах ухку чІагарш а, мухІарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хІуманаш а яхьара. ХІораммо а дашо совгІат, шатайпа сагІа санна, хьалаойура Везачу Элана. 23Шен долчо сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а, газанан тІаргІа а, цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканаш а, хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиг а дахьара. 24Детин я цІастанан совгІат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагІина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хІораммо а Везачу Элана сагІина яхьара иза. 25Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эханг а, дуткъа кІади а дахьара. 26И болх шайн дагца тІе а лаьцна, шайна хуучара газанан тІаргІа хьовзабора. 27Халкъан тхьамданаша оникс цІе йолу а, ийпадна а, некха тІе уллучу безачу тІоьрмагна а лерина а тІулгаш дахьара, 28ткъа иштта хаза хьожа йогІу хІуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а кечдан. 29Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагІа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тІедиллинчу гІуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгІаташ дахьара.

 

Делан четар деш болу пхьераш

 

(Арадаккхар 31:1-11)

 

30Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал, ЯхІудан тІаьхьенах волу. 31Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала. 32Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, 33деза тІулгаш кечдан а, дечигах хІума ян а, мел болу говза болх бан а. 34Цунна а, Данан тІаьхьенах волчу Ахьисамахан кІантана ОхІлиабана а похІма делла кхиберш Іамо. 35Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хІума ян а, кІади дан а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангаца дуткъачу кІадеш тІехь тир яккха а, кІадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».

 

 

36

 

1«Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхІлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тІе-ма-диллара дан деза».
2Мусас Бацалиал а, ОхІлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тІекхайкхира и болх бан. 3Исраилхоша Делан четар дарна еана хІуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хІора Іуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгІатна лерина гІирсаш. 4Юха Делан четарна тІехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тІебаьхкира. 5Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гІирсаш».
6ТІаккха Мусас халкъе дІакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хІумма а ма я аьлла. Цул тІаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хІуманаш. 7Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хІинцале а схьакхехьна хІуманаш!

 

Делан четар дар

 

(Арадаккхар 26:1-37)

 

8Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хІиттира. Дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тІе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара. 9ХІора шаршу йохалла ткъе бархІ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера. 10Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара. 11Сийначу кІадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агІор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира. 12Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тІехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгІачу пхеаннах йолчу йистерачунна тІехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара. 13Шовзткъе итт дашо мІара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тІаккха цхьа четар хилира цунах.
14Юха газанан тІергІах четарна тІехула лаца цхьайтта шаршу йира цара. 15Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш. 16Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара. 17Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тІе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тІе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира. 18Уьш туьйдаргех дІатасархьама, цара шовзткъе итт цІестан мІара йира, тІаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира. 19Четарна тІехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цІен басар хьаькхна йолчу уьстагІийн цІоканех, важа хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах.
20Акацин дечигах ирахІиттийна гураш кечдира цара четарна. 21Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 22ХІора гуран ши зІок йинера цара, цхьаъ шолгІачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара. 23Четаран къилбехьа йолчу агІор хІоттийнарг ткъа гур бара. 24Оцу ткъа гурана уьш тІехІитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зІакарна кІел ши бух, вукху гуран шина зІакарна а ши бух. 25Четаран къилбаседехьа йолчу агІор хІотто а ткъа гур бира цара. 26Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кІел а хІоттош. 27ТІехьарчу, малхбузехьарчу агІор бинарг ялх гур бара. 28Ши гур тІехьарчу агІор шина сонехь а бира. 29Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чІагарх дІатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера. 30Иштта, бархІ гур бара, уьш тІехІитто ялхитта дато бух а болуш – хІора гурана кІел шишша бух.
31Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агІор долчу гурашна лерина бара, 32важа пхиъ вукху агІор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тІехьа агІор долчу гурашна а бара. 33Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. 34Гурашна а, хьокхешна а тІехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухІитто чІагарш а деших йира.
35Дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тІехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира. 36Кирхьанна акацих биъ бІогІам а бина, царна тІе деши а лецира, тІехь дашо зІакарш а йира. БІогІамашна биъ дато бух а бира. 37Четарна чуволлучу олла тІехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а. 38Цу шаршуна пхи бІогІам бира, тІехь мІараш а еш. БІогІамийн лакхенашна а, царна тІера дІатосургашна а тІе деши лецира, ткъа лахахь цІестан пхи бух бира цара.

 

Бартбаран тІорказ дар

 

(Арадаккхар 25:10-22)

 

37

 

1Акацин дечигах тІорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара. 2ТІорказна чухула а, тІехула а цІена деши лецира цо. Ткъа цунна тІехула, гонах, дашо сара лецира 3Йиъ дашо чІуг а йина, уьш тІорказан беа когахь дІатесира: шиъ – цхьана агІор, важа шиъ – вукху агІор. 4Акацих хьокхий а дина, царна тІехула деши лецира цо. 5Хьокхий тІорказан агІонашкахь йолчу чІагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама. 6ТІорказна тІедуьллу негІар дира цІеначу деших. НегІар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара. 7Туьйсинчу деших негІарна тІехь шина агІор каруб-маликаш дира Бацалиала. 8Цхьа каруб-малик цхьана агІор, важа вукху агІор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хІума а долуш, негІарца цхьаьна. 9Хьалаайинчу тІемашца негІар дІа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негІарна тІедирзина дара и каруб-маликаш.

 

Даздина баьпкаш тІедохку стол яр

 

(Арадаккхар 25:23-30)

 

10Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а. 11ТІехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо. 12Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тІе а дашо сара лецира цо. 13Йиъ дашо чІуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дІачІагІйира цо. 14Стол дІасалело хьокхий чекхдоху чІагарш стоьлан гурана уллохь йинера. 15Стол дІасалело хьокхий акацих дина дара, тІехула деши а лоцуш. 16Цул тІаьхьа стоьла тІе хІитто пхьегІаш цІеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагІаран сагІанаш доттархьама.

 

Стогар бар

 

(Арадаккхар 25:31-40)

 

17ЦІеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гІад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тІехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера. 18Ялх га дара цунна тІехь: кхо га цхьана агІор, кхо га вукху агІор. 19Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тІехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тІехь а дара. Стогарна тІехь долчу ялхе а гаьнна тІехь иштта дара уьш. 20Стогаран гІода тІехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара. 21Стогаран гІодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кІелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагІчу шина гаьнна кІелахь а цхьа зуьгалг яра. 22Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цІеначу деших йина яра. 23ЦІеначу деших стогарна ворхІ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала. 24Стогар а, цуьнан гІирсаш а беш дІадаьлларг ши пунт[27] цІена деши дара.

 

Хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бар

 

(Арадаккхар 30:1-5)

 

25Акацин дечигах хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бира. Иза беакІов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьІІехь маІаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш. 26Массо а агІор а, тІехула а, маІашна тІехь а цІена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна. 27Серана кІелахь шина а агІор деших ши чІуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дІабахьа. 28Хьокхий акацих дира, тІехула деши а лоцуш.

 

Къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогІу хІума а яр

 

(Арадаккхар 30:22-38)

 

29Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогІу цІена хІума а кечйира, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.

 

Дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч бар

 

(Арадаккхар 27:1-8)

 

38

 

1Цул тІаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч бира. Иза беакІов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара. 2Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхелира. 3Кхерчана оьшу берриг а гІирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мІерий а, кІора чубухку нойш а. Уьш массо а цІастанах йина яра. 4ЦІастанах цаца бира кхерчана тІебилла. Кхерчан хІазарна кІел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дІа а нисбеш. 5Хьокхий чекхдаха цецан еа маьІІехь чІагарш йира. 6Акацих дина дара и хьокхий, тІехула цІаста а лоцуш. 7Хьокхий чІагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агІор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.

 

ЦІестан юьхь-куьгдуьлург яр

 

(Арадаккхар 30:18)

 

8Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гІуллакх деш болчу зударийн цІастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.

 

Делан четаран керт яр

 

(Арадаккхар 27:9-19)

 

9Цул тІаьхьа керт кечйира. БІе дол еха йолчу къилбехьарчу агІор дуткъачу кІадих йина шаршуш оьхкира. 10Царна лерина ткъа бІогІам а, цІестан ткъа бух а бира. БІогІамаш тІера мІерий а, дІатосургаш а дато яра. 11Къилбаседехьарчу агІор а бІе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бІогІам а, цІестан ткъа бух а бира. БІогІамаш тІера мІерий а, дІатосургаш а дато яра. 12Кертан шоралла, малхбузехьа агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бІогІам а, итт бух а бира. БІогІамийн мІерий а, дІатосургаш а детих йина яра. 13Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агІор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра. 14Цхьана агІор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бІогІам а, кхо бух а бара. 15Вукху агІор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бІогІам а, кхо бух а бира. 16Массо а агІор оьхкина шаршуш дуткъачу кІадих йина яра. 17БІогІамийн баххаш цІестах дина дара, ткъа бІогІамаш тІера мІерий а, дІатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бІогІамаш детих динчу дІатосургашца вовшахтесна дара. 18Кертан кевнна оьллина шаршу, тІехь тІамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш. 19Цунна лерина биъ бІогІам бара, шайца цІестан биъ бух а болуш. Церан мІерий а, дІатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара. 20Делан четар чІагІдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чІагІдеш долу хьостамаш а цІестан дара.

 

Делан четар деш дІаяьлла коьчал

 

21ХІинца Делан четар деш дІаевлла коьчалш ягаръяран жамІ дийр ду. Мусас левихошна тІедиллира тоьшаллин четар деш дІаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхІаронан кІанта Итамара куьйгалла деш дара и гІуллакх.
22Везачу Эло Мусана тІе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхІудан тІаьхьенах волу Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал. 23Цуьнца Данан тІаьхьенах волу Ахьисамахан кІант ОхІлиаб а вара. Иза мухІар деш а, кІадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангаца дуткъачу кІадеш тІехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.
24Делан четар деш, цунна оьшу хІуманаш ян наха, Далла лерина совгІат санна, деана деши шовзткъе берхІитта пунт а, ворхІ бІе ткъе итт шекхал а дара[28], деза шекхал олучу барамехь оьзна. 25Багарбинчу наха деана дети ши бІе пунт, цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъе пхийтта деза шекхал[29] дара. 26Багарбинарш ткъа шарал тІехбевлларш бара, уьш ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хІораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш. 27БІе гали дети Делан четарх бІогІамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бІогІамийн баххашна а дІадахара. БІе буьхана бІе гали дети, хІора буьхана цхьацца хилира. 28Цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъе пхийтта шекхал детих бІогІамийн мІерий а дира, церан баххьаш тІе а дехкира, дІатосургаш а йира. 29СовгІат санна наха деана цІаста цхьа бІе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бІе шекхал а[30] дара. 30Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хІиттийначу бІогІамийн баххаш а дира, сагІа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гІирс а бира. 31Ткъа иштта оцу цІастанах ерриг а кертана хІиттийначу бІогІамашна баххаш а дира, кевнна долчу бІогІамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чІагІдеш долу хьостамаш а кечдира.

 

Динан дайшна духарш дар

 

(Арадаккхар 28:1-14)

 

39

 

1Сийначу а, таьІна-цІечу а, цІечу а эхангах динан дайшна Делан цІа чохь гІуллакх дан духарш кечдира цара, ткъа иштта АхІаронна а дира деза духарш, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. 2Ийпад цІе йолу тІеюху хІума йира цара дешин тех а, сийначу а, таьІна-цІечу а, цІечу а эхангах а, ветанах динчу хьовзийначу тех а. 3Дуткъадеш нисдинчу дешин экъанех, хеда а деш, дашо теш а даьхна, уьш, хаза дуцуш, сийначу а, таьІна-цІечу а, цІечу а тешна юкъалецира цара. 4Белшашкахь ийпад дІайоьхкуш ши гур бира цара, цаьрца ийпадан ши агІор цхьаьнатесна хилийта. 5Ийпадна тІехула доьхкуш дара иза ша санна дина долу доьхка. Деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а динера иза, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара 6Пхьераша, мухІар тІе язъеш ма-хиллара, Исраилан кІентийн цІераш тІе а язйина, оникс цІе йолу деза тІулгаш хІиттийра дашо беттанаш чу. 7Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тІехь дІанисдира цара, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. Цу тІулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара.

 

Некха хьалха уллург кечъяр

 

(Арадаккхар 28:15-30)

 

8Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а некха тІе уллу беза тІоьрмаг бира цара. 9Иза беакІов а, шалха а яра, йохалла а, шоралла а барамана цхьа ше а йолуш. 10Пхьераша беа могІарехь деза тІулгаш дехкира цунна тІе. Хьалхарчу могІарехь рубин а, топаз а, изумруд а цІераш йолу тІулгаш дара. 11ШолгІачу могІарехь карбункул а, саппир а, алмаз а цІераш йолу тІулгаш дара. 12КхоалгІачу могІарехь яхонт а, агат а, аметист а дара. 13БоьалгІачу могІарехь хризолит а, оникс а, яспис а дара. Дерриг а тІулгаш дашо гураш чохь дара. 14Берриг а цу бедар тІехь шийтта тІулг бара, исраилхойн тайпанашка хьаьжжина. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, дІаязйина шийтта тайпанан цхьацца цІе яра. 15ЦІеначу деших йина юьйцина ши зІе яра некха тІе уллучу бедарна тІехь. 16Пхьераша йина дашо ши ботт а, дашо ши чІуг а яра цу тІехь. Ши чІуг некха хьалхарчу безачу тІоьрмаган шина йисте дІатесна яра. 17Юьйцина йолу ши зІе, чІагарех чекх а яьхна, некха тІе уллучу безачу тІоьрмаган шина йисте дІатесира пхьераша. 18Ткъа зІенийн важа ши чаккхе, шина дашо батта чу а тесна, ийпадан хьалхарчу агІор гура тІехь дІанисйира. 19Кхин ши дашо чІуг а йина, некха хьалха уллучу бедаран вукху шина йисте, ийпадехьа йолчу чухула агІор тийгира пхьераша. 20Кхин а дашо ши чІуг а йина, ийпадан белшашкахь болу шина гурана лахо, хьалха агІор тийгира, и гураш ийпадан доьхкарна тІехула хотталучохь. 21Некха хьалха уллучу бедаран чІагарш ийпадан чІагарех дІатесира сийначу тІергаца. Иза иштта динера, некха хьалха уллург ийпадах къаьстина ца хилийтархьама, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.

 

Динан дайшна лерина кхин духарш

 

(Арадаккхар 28:31-43)

 

22Юха ийпадна бухахо сийначу тІергІан юьйцинчу кІадих оба йира цара. 23Корта чекхбаккха цу обанна юккъехь Іуьрг даьккхира, ткъа йистош яста ца ялийта, кІади а лоцуш, дІатийгира. 24Обанан юьхана сийначу а, сирла-цІечу а, таьІначу-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а Іежан суьртехь дина оьргаш оьхкира. 25ЦІеначу деших дина горгалеш оьхкира Іежашна юккъе. 26Іаж а, горгали а хийцалуш дара обанан юха тІехь. И бедар Далла лерина гІуллакх дечу хенахь динан дас тІеюха езаш яра, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.
27АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуткъачу дуьйцинчу кІадих кучамаш тийгира. 28Чалба а, коьртах йоьхку хІуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кІадих. 29Юха дуткъачу кІадих а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эханган, куьцаш а деш, доьхка дира, Везачу Эло Мусага ма-аллара. 30ЦІеначу деших йина аса яра дезачу тажана лерина, цу тІехь, мухІарна тІехь санна, яздинера: «Везачу Элана къобалдинарг» аьлла. 31Куйна тІехула иза дІаехка цу тІе сийначу эхангах йина тІийраг тесира, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.

 

Болх чекхбаккхар

 

(Арадаккхар 35:10-19)

 

32Нах гулбеш болчу Делан четарна лерина болу болх чекхбелира. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша. 33Мусана четар а, цунна богІу берриг а гІирс а, чІагарш а, гураш а, хьокхий а, бІогІамаш а, лаха лоцурш а схьаеара. 34Четарна тІетуху цІен басар хьаькхна йолу уьстагІийн цІоканех йина кхалор а, тІаьрсиган кхалор а, дезачу цІа чу волуш оьллина шаршу а гайтира исраилхоша цунна. 35Тоьшаллин тІорказ а, цуьнан хьокхий а, негІар а гайтира исраилхоша цунна. 36Шен гІирсашца а, цу тІе диллинчу дезачу баьпкаца а йолу стол а гайтира. 37ЦІеначу деших йина, шена тІехь кегийра къуьданаш йолу стогар а, цуьнан гІирс а, дагош долу даьтта а гайтира. 38СагІа доккху дашо кхерч а, нахана а, хІуманашна а, уьш беза хилар лоруш, тІехьокху даьтта а, хаза хьожа йогІу, дагош долу силам а, четар чу волуш дуьхьал уллу шаршу а гайтира. 39СагІа доккху цІестан кхерч а, цуьнца болу цІестан цаца а, хьокхий а, берриг а цуьнан гІирс а, юьхь-куьг дуьлу бога а, цуьнан бух а гайтира. 40УьйтІе дІакъовлуш ухку шаршуш а, шайн бІогІамашца а, баххашца а, уьйтІарчу кевнна дуьхьал уллу шаршу а, машшаш а, хьокхий а, нах гулбеш болчу Делан четар чохь Іамал дечу хенахь лело гІирсаш а гайтира. 41Юха динан дайн духарш (Іамал ечу хенахь динан да волчу АхІарона а, цуьнан кІенташа а тІедуха дезаш долу деза духарш) гайтира. 42Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, бинера исраилхоша берриг а белхаш. 43Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тІе-ма-диллара бина хилар. ТІаккха Мусас уьш декъалбира.

 

40

 

Гуламан четар дІахІоттор а, къобалдар а

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дІахІоттаде. 3Цу чу тІулгийн экъанаш чохь йолу тІорказ хІоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий. 4Юха, чу а яй, стол а, цу тІехь хІиттайо хІуманаш а дІахІиттае. Стогар а схьаба, цу тІе цуьнан къуьданаш хІиттабе. 5Хаза хьожа йоккху хІума шена тІехь ягош болу дашо кхерч тІорказна хьалха хІоттабе. Четаран неІарехь шаршу а олла. 6СагІина лерина шена тІехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хІоттабе. 7Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хІоттадай, цу чу хи дотта. 8Гонах керт а хІоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла.
9ТІаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хІуманна а тІедотта. Уьш еза хир ю цул тІаьхьа. 10СагІа доккхучу кхерчана а, цуьнан гІирсана а тІе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тІаккха иза къаьсттина беза хир бу. 11Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде.
12АхІарон а, цуьнан кІентий а, четарна улло а балабай, хица цІанбе. 13Даздина духарш АхІаронна тІе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гІуллакх деш динан да хилийта. 14Цуьнан кІентий схьа а балабай, царна тІе а юха кучамаш. 15Айхьа церан дена тІе ма-доттара, даьтта дотта царна тІе а, Суна гІуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тІаьхьенаш а хир ю Суна гІуллакх деш, динан дай а хилла».
16Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас. 17Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгІачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дІахІоттийна Везачу Элан четар. 18Мусас четар дІахІоттийра. Цкъа хьалха бух а хІоттийна, юха бІогІамаш дІа а хІиттийна, гураш а хІиттийна, хьокхий охьадехкира цо. 19Юха цу четарна тІехула кхалор а хІоттийна, тхов тІе хІума а йиллина, иза дІакъевлира, Везачу Эло тІе-ма-диллара.
20ТІе парзаш яздина тІулгийн экъанаш тоьшаллин тІорказ чу а ехкина, тІорказан чІагарех хьокхий чекх а даьхна, негІар тІорказна тІедиллира Мусас. 21ТІорказ, четар кІел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дІакъевлира цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара.
22Четара кІел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агІор стол хІоттийра цо. 23Цу тІе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хІиттийра цо, Везачу Эло тІе-ма-диллара.
24Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хІоттийра. 25Везачу Элана хьалха къуьданаш хІиттийра Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара. 26Четарна кІелахь шаршуна хьалха шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягош болу дашо кхерч хІоттийра цо. 27Цу тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийра Мусас, Везачу Эло тІе-ма-диллара.
28Четаран неІарехь шаршу оьллира цо. 29Дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хІоттийра цо. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІенан сагІанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара.
30Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъе а хІоттийна, цу чу хи доьттира цо. 31Мусас а, АхІарона а, цуьнан кІенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь. 32ХІоразза а четарна кІел доьлхуш а, кхерчана тІе доьлхуш а дегІан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.
33Четарна а, кхерчана а гонах керт а хІоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.

 

Четарна тІехула марха хІоттар

 

(Лелар 9:15-23)

 

34Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. 35Муса Делан четарна кІел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. 36Делан четарна тІера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой. 37Марха Делан четарна тІехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дІа ца боккхура. 38Дийнахь Везачу Элан марха четарна тІехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цІе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.

 

 

 

Іамалъяр

Дешхьалхе

 

Іамалъяр цІе йолчу тептар тІехь Исраилан халкъана юкъахь лелош долу Далла Іамалъяран а, динан гуламийн а парзаш ду. Динан дайша жоп луш хилла и тІедехкина парзаш нахана юкъахь кхочушдеш хилийтарх. Царна оцу тептар тІехь хьехамаш а бу.
Тептаран коьрта ойланаш ю: Дела Веза хилар а, наха Далла Іибадат муха дан деза а, церан дахар муха хила деза а, «Исраилан халкъан Везачу Делаца» йолу шайн юкъаметтиг лелорхьама.
Тептаран уггар шуьйра девзаш долу дешнаш 19:18 тІехь ду: «Хьо санна веза хьайна уллораниг а». И дешнаш Іийсас шолгІа сийлахь тІедиллинарг лоруш дара.

 

1

 

Дийнаташ дагоран сагІанаш

 

1Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо: 2«ДІаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагІа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагІа. 3Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама. 4Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама. 5Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. 6Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза. 7АхІаронан кІентий болчу динан дайша, сагІа доккхучу кхерча тІехь цІе а латийна, цу тІе дечиг дилла деза. 8АхІаронан кІентий болчу динан дайша, цІера тІе дехкинчу дечигаш тІе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза. 9Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
10Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага жимачу даьхних – уьстагІех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза. 11Стага Везачу Элана хьалха, сагІа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агІор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тІаьхьа АхІаронан кІенташа, динан дайша, цу дийнатан цІий тоха деза кхерчан массо а агІор. 12Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дІа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тІерачу цІерана тІе техкинчу дечигна тІе дахка деза. 13Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тІехь даго деза динан дас. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
14Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза. 15Динан дас, кхокха сагІа доккхучу кхерчана тІе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цІий кхерчан агІонна тІе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тІехь. 16Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агІор, юкъ дІахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас. 17Стага и кхокха, цуьнан тІемаш, кег а ца деш, дІа а озийна, кагбича, иза кхерча тІе техкинчу дечигна тІерачу цІергахь багор бу динан дас. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».

 

2

 

КІен сагІа

 

1«Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. 2И сагІа динан дай болчу АхІаронан кІенташна тІе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагІа доккхучу кхерча тІехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦІера тІехь доккхуш долчу оцу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 3КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела.
4Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза.
5Нагахь хьан кІен сагІа кхийрачу пхьегІи тІехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза. 6Бепиг дакъошка а декъий, цунна тІе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кІен сагІа ду.
7Нагахь хьан кІен сагІа ялгІу тІехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кІен демах дина хила деза. 8Иштта кечдина кІен сагІа Везачу Элана схьада. Динан дега дІакховдаде иза, цо кхерча тІе дуьллур ду и сагІа. 9Динан дас, схьа а эцна, кхерча тІехь сагІин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. 10КІен сагІанах бухадиснарг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дала деза. Иза чІогІа деза ду, Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех иза схьаэцна долу дела.
11Везачу Элана лерина дахьачу муьлххачу а кІен сагІанах морза ма тоха, хІунда аьлча я морза а, я моз а Везачу Элана леринчу сагІанца даго бакъо яц шун. 12Дуьххьара схьаэцначу ялтех долу совгІат санна дан мегар ду уьш Везачу Элана лерина, амма тамехь хьожа яийта кхерча тІехь даго мегар дац. 13Муьлххачу а кІен сагІанах туьха тоха, хьайн сагІа Делаца бинчу бертан туьха ца тухуш ма дита. Муьлххачу а айхьа дахьачу сагІанца Везачу Далла туьха да. 14Дуьххьарчу ялтех кІен сагІа доккхуш делахь, цІера тІехь дакъийначу кенех даьхна аьтта долу буьртигаш да. 15Царна тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла. Иза кІен сагІа ду. 16Динан дас буьртигийн цхьа дакъа – зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а эдина – дагор ду. И дерриге а Везачу Элана лерина сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Иза Везачу Элана цІера тІехь даьккхина сагІа ду».

 

3

 

Бертан сагІанаш

 

1«Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. 2Шен куьг бежанан коьрта тІе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагІа доккхучо. Динан дай болчу АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цІий тоха деза. 3Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, 4ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
6Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагІа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. 7Нагахь сагІина балийнарг уьстагІ белахь, иза Везачу Элана хьалха хІотто беза. 8Дийнатан коьрта тІе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цуьнан цІий тоха деза. 9Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: мохь а, букъан даьІахка тІекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тІера а мохь, 10ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 11Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду.
12Нагахь стага сагІина ялийнарг газа елахь, иза Везачу Элана хьалха хІотто еза. 13Цунна тІе шен куьг а диллина, гуламан четарна хьалха дийнатна урс хьакха деза цу стага. АхІаронан кІенташа газанан цІий сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе тоха деза. 14Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, 15ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 16Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду, Везачу Элана тамехь йолу хьожа ю и.
Ерриг а мохь Везачу Элана лерина хила еза. 17Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш».

 

4

 

Ларамаза латийначу къинна доху сагІанаш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду:
3‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. 4Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. 5Юха Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четар чу дахьа деза. 6Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. 7Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. 8-10Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. 11Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а 12меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш.
13Нагахь санна дерриге а Исраилан халкъо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхош, дан ца мегарг дахь, иза бехке хир ду. 14Шайн къинах дерг хиъча, наха дерриг а халкъана тІера къинан сагІина къона старгІа яло еза. Везачу Элан четарна хьалха дІахІотто еза иза. 15Халкъана юкъара къаноша, шайн куьйгаш стеран коьрта тІе а дехкина, урс хьакха деза цунна Везачу Элана хьалха. 16Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четарна чу дахьа деза. 17Шен пІелг стеран цІий чохь баша а бина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цинцаш дІатоха деза динан дас. 18Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь лаьттачу, тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза цо, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу, тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза. 19Ерриг а мохь, стеран чорха чуьра схьа а яьккхина, кхерча тІехь яго еза. 20Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. 21СтаргІа, меттаматтал арахьа а яьккхина, яго еза, хьалхалерниг санна. Иза халкъо латийначу къинах долу сагІа ду.
22Нагахь санна куьйгалхочо ларамаза къа латадахь, шен Везачу Дала тІедехкина парзаш а талхош, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 23Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу бож яло еза цо. 24Божан коьрта тІе куьг а диллина, дийнаташ дагоран сагІина далийна бежанаш дойучу меттехь цунна урс хьакха деза цо Везачу Элана хьалха. Иза къинах долу сагІа ду. 25Динан дас шен пІелгаца схьаэцна долу бежанан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. 26Ерриг а мохь кхерча тІехь яго еза, бертан сагІа доккхуш мохь ягош ма-хиллара. Иштта динан дас куьйгалхочо латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду.
27Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. 28Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. 29Газанан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. 30Динан дас шен пІелгаца, схьа а эцна, цуьнан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. 31Бертан сагІа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тІехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду.
32Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагІина Іахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза. 33Цуьнан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. 34Динан дас шен пІелгаца схьаэцна цу Іахаран цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисна цІий кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. 35Іахаран ерриг а мохь схьакъасто еза, бертан сагІа доккхуш бийначу Іахаран санна. Динан дас кхерча тІехь, кхидолчу дохучу сагІанашца цхьаьна, яго еза иза Везачу Элана сагІина лерина. Иштта динан дас оцу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду’“».

 

5

 

ХІун къинош латийча даккха деза сагІа?

 

1«Нагахь стаг, цхьа хІума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чІагІо е аьлча, цо иза ца яхь, тІаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.
2Стаг хьарам йолчу хІуманах дІахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дІахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.
3Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цІена доцучу хІуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тІаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.
4Ойла а ца еш, цхьа хІума дийр ду аьлла, чІагІо ян там бу стага. И хІума вон я дика хила мега – башхо яц. Стага ца хууш чІагІо яхь, амма цунна иза юха дагайоггІушехь цуьнан бехк хир бу.
5Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна. 6Ша латийначу къинна, гІуда санна, цо Везачу Элана лерина сагІа даккха деза, уьстагІ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду.
7Нагахь санна шен уьстагІ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гІуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагІина, ткъа важа дагоран сагІа санна. 8И ши кхокха динан дега дІабала беза. Цо къинан сагІина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац. 9Оцу кхокханан цІий цо сагІа доккхучу кхерчан агІонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагІа хир ду. 10ШолгІа кхокха дагоран сагІа доккхуш багор бу динан дас, тІедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха цунна Дала гечдийр ду.
11Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархІ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогІу хІума а ма тоха, хІунда аьлча иза къинан сагІа ду. 12Къа латийначу стага и дама динан да волчу схьадан деза. Динан дас, Везачу Элана деана хиларан билгалонна цхьа кана схьа а эцна, дама кхерча тІехь дагор ду кхачанан сагІа санна. 13Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, Дала а цунна гечдийр ду. СагІа даьккхича дисина дама динан дена догІуш ду, кІен сагІа а хилла».

 

ГІуда такхаран сагІанаш

 

14Везачу Эло Мусага элира: 15«Нагахь санна стага, Везачу Элана догІуш дерг дІа а ца луш, ларамаза къа латадахь, цхьа а сакхт доцу ка бан беза цо шегара даьллачунна тІера. Коьман мах дато шекхал ахча хІотто беза ахь (шекхал Езачу Меттигехь лелош долчу барамехь хила деза), даьллачунна гІуда такхаран сагІина лерина. 16Цо ша хІинццалц ца делларг дІадала деза. ДІадала дезачунна тІе пхоьалгІа дакъа а тоьхна, иза динан дега дІадала деза. Иштта динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду. Цо гІуда такхаран сагІа а лерина, ка схьаоьцур бу, тІаккха Дала а цу стагана гечдийр ду.
17Нагахь санна стага Везачу Эло тІедехкина парзаш талхош, дан ца дезарг динехь, иза бехке ву, цо шегара даьллачунна жоп дала деза, ца хууш и даьллехь а. 18Цо динан да волчу сакхт доцу ка бахьа беза гІуда такхаран сагІина лерина, ахь хадийначу мехах. Иштта динан дас цу стага ларамаза латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала а гечдийр ду цунна. 19Везачу Элана дуьхьал даьллачу хІуманна а стаг бехке ву, цундела цо гІуда такхаран сагІа даккха деза».

 

 

6

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хІума йитина я цхьана ханна дІаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Іехо тарло цо. Я, масала, цхьа хІума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. 3Я цхьа хІума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош. 4Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, 5я шех лаьцна харцдуй биъна хІума юхадала деза. ДогІург дерриг дІа а делла, цу тІе пхоьалгІа дакъа тоха деза цо. ГІуда такхаран сагІа доккхучу дийнахь цу хІуманан дега дІадала деза цо иза. 6Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гІуда такхаран сагІа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богІучу мехах болу а ка бало беза цо. 7Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».

 

Дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедиллинарг

 

8Везачу Эло Мусага элира: 9«АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедуьллург ду хІара. Кхерча тІехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цІера тІехь дита деза, кхерчан цІе а, ца йовш, яга езаш ю. 10Динан дас чухула а, тІехула а дуткъачу кІадих йина бедарш юха еза. Кхерча тІера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо. 11Цул тІаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте, чим дІабахьа беза цо. 12Кхерча тІера цІе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХІора Іуьйранна динан дас кхерча тІе дечиг тилла деза, цу тІе дийнаташ дагоран сагІа а дилла деза, иштта бертан сагІанах йолу мохь цу тІехь яго а еза. 13ЦІе кхерча тІехь гуттар а яга езаш ю, дІа а ца йовш».

 

КІен сагІанах долу тІедиллинарг

 

14«КІен сагІанах долу тІедиллинарг ду хІара: динан дайша, АхІаронан кІенташа, сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. 15КІен сагІанах цхьа кана тоьлла кІен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тІехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. 16КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. 17Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза. 18АхІаронан тІаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагІа. Церан тІаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагІанах долу дакъа ду иза. Цунах дІахьакхаделларг дерриг а деза хир ду».
19Везачу Эло Мусага элира: 20«АхІарона а, цуьнан кІенташа а иза даьттанца къобалвечу дийнахь Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа иштта хила деза: бархІ кад тоьлла кІен дама дан деза цара гуттар а доккхучу кІен сагІина лерина, царах ах – Іуьйранна, важа ах – суьйранна. 21Зайтдаьттанца эдина дама кхийрачу пхьегІи тІехь кечдан деза. ТІаккха, кеч а дина, дуззалц зайтдаьттанца э а дина, кІен сагІа санна, иза Везачу Элана даккха деза. Цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 22АхІаронан кІентех волчу, даьттанца къобалвинчу динан дас даккха деза и сагІа. Иза Везачу Эло гуттаренна а тІедуьллуш долу парз ду. КІен сагІа дерриг а даго дезаш ду. 23Динан дегара долу муьлхха а кІен сагІа даго деза, иза даа мегар дац».

 

Къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг

 

24Везачу Эло Мусага элира: 25«АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. 26Къинах долу сагІа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагІа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. 27Цу сагІин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цІий тІе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цІанъян еза уьш. 28Кхийрачу пхьегІи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегІа йохо еза. ЦІестан пхьегІи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегІа цІан а йина, йила еза. 29Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. 30Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дІадахархьама, къинах долчу сагІин цІий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагІа даа мегар дац. Иза цІера тІехь даго деза».

 

7

 

ГІуда такхаран сагІанах лаьцна тІедиллинарг

 

1«ХІара ду гІуда такхаран сагІанах лаьцна тІедиллинарг. Иза чІогІа деза сагІа ду. 2Дийнаташ дагоран сагІина бежана дуьйччу меттехь урс хьакха деза гІуда такхаран сагІина дуьйчу дийнатна а. Цуьнан цІий тоха деза сагІа доккхучу кхерчана тІе массо а агІор. 3Дийнатан ерриг а мохь сагІина яккха еза: дума а, чухулара мохь а, 4ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). 5Динан дас кхерча тІехь Везачу Элана лерина ягор ю уьш. Иза гІуда такхаран сагІа ду. 6Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза.
7Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а лаьцна тІедиллинарг цхьаъ ду: цу сагІанца стага летийна къинош дІадохуш волчу динан дена дІалуш ду иза. 8Цхьаммо дийнаташ дагоран сагІа даьккхича, дийнатан неІ я цІока и сагІа даккхар дІахьош волчу динан дена дуьсу. 9Я пешахь, я ялгІу тІехь, я кхийрачу пхьегІи тІехь мел деттина кІен сагІа иза дІахьочу динан дена дуьсу. 10Даьттанца эдина я декъа долу муьлхха а кІен сагІа АхІаронан кІенташна дуьсу, цхьанна санна, вукхунна а».

 

Бертан сагІанах лаьцна тІедиллинарг

 

11«Везачу Элана лерина доккхучу бертан сагІанах лаьцна тІедиллинарг хІара ду. 12Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. 13Цул сов, морзанна тІехь дина бепиг а схьадан деза цо, баркаллина бертан сагІа доккхуш. 14Ша деанчу хІуманех цхьацца Везачу Элана лерина хилийта еза цо. Бертан сагІин цІий тухучу динан дена дуьсу иза. 15Баркаллина даьккхинчу бертан сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, цунах хІумма а Іуьйренга далийта мегар дац.
16Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. 17Ткъа сагІин жижиг кхоалгІачу дийне далахь, иза цІера тІехь даго деза. 18Нагахь цхьаммо цу сагІин жижиг кхоалгІачу дийнахь даахь, и сагІа къобал хир дац. СагІа даьккхинчунна цхьа а шапаІат хир дац иза бахьанехь, хІунда аьлча и сагІа Везачу Элана хьалха боьха хилла. Жижиг диинарг бехке а ву, шегара даьллачух жоп дала а деза цо. 19Нагахь цу сагІин жижиг Далла хьалха боьха йолчу хІуманах хьакхалахь, иза даа мегар дац, и жижиг цІера тІехь даго деза.
Далла хьалха муьлххачу а цІеначу стага бертан сагІин жижиг даа мегар ду. 20Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. 21Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цІена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагІин жижиг даа хІоттахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза».
22Везачу Эло Мусага элира: 23«ДІаала исраилхошка: „Стеран а, уьстагІан а, газанан а цхьа а тайпа мохь ма яа. 24Деллачу а, экхано цистинчу а дийнатан мохь шен гІуллакхна хьажо мегар ду, амма яа мегар дац. 25Везачу Элана леринчу сагІина дийначу дийнатан мохь йиънарг шен халкъана юкъара дІавоккхур ву. 26Миччанхьа шаьш Іаш делахь а бежанийн а, олхазарийн а цхьа а тайпа цІий ма даалаш. 27Цхьаммо и цІий даахь, иза шен халкъана юкъара дІавоккхур ву“».
28Везачу Эло Мусага элира: 29«ДІаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагІа доккхуш волчо цу сагІин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. 30Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна[1], Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. 31Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. 32Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. 33АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. 34ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. 35Везачу Элана цІера тІехь даьхначу сагІанех долу дакъош ду уьш, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а луш долу, Везачу Элана динан гІуллакх дан уьш къобалбичхьана дуьйна. 36Везачу Эло тІедиллинера, исраилхоша царна и дакъош лур ду аьлла, даьтта тІе а доьттина, уьш къобалбинчу дийнахь дуьйна. Царна и дакъош далар исраилхошна гуттаренна а тІедиллина ду“».
37Иштта бу дийнаташ дагоран а, кІен а, къинах долу а, гІуда такхаран а, вазваран а, бертан а сагІанех лаьцна болу хьехам. 38Везачу Эло Мусана бовзийтина иза Синай-лам тІехь, Ша исраилхошка Синайн яьссачу арахь Шена лерина сагІанаш даха аьллачу хенахь.

 

АхІарон а, цуьнан кІентий а къобалбар

 

(Арадаккхар 29:1-37)

 

8

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«АхІарон а, цуьнан кІентий а схьабалабе, царна тІеюху еза бедарш а, къобалваран даьтта а схьаэца, къинан сагІа даккха старгІа а, ши ка а балабе, цхьа тускар совсаза бепиг а да, 3гуламан четарна чуволлучохь дерриг а халкъ схьа а гулде».
4Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас. Халкъ гуламан четарна чуволлучохь схьагулделира. 5Мусас элира нахе: «ХІара ду Везачу Эло кхочушдан тІедиллинарг».
6АхІарон а, цуьнан кІентий а, схьа а балийна, хица лийчийра Мусас. 7АхІаронна тІе коч а юьйхина, юкъах доьхка а дихкина, тІехула оба юьйхира Мусас, юха тІе ийпад а юьйхина, юкъах ийпадан доьхка а дихкира, цуьнца АхІаронна тІехь ийпад а чІагІйира цо. 8Цунна тІе некха хьалха уллуш болу беза тІоьрмаг а оьллина, цу чу Урим а, Тумим а цІераш йолу ши тІулг биллира Мусас. 9АхІаронан коьрта тІе чалба а тиллина, чалбанна хьалха агІор иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж долу дашо экъа оьллира, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.
10Къобалдаран даьттанах цхьа дакъа схьа а эцна, иза четарна а, цу чохь долчунна а тІе а доьттина, и дерриг а къобалдира Мусас. 11ВорхІазза сагІа доккхучу кхерча тІе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гІирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тІе даьтта доьттира уьш къобалъян. 12АхІаронан коьрта тІе даьтта доьттира Мусас, иза къобалвархьама. 13АхІаронан кІентий схьа а балийна, царна тІе кучамаш а юьйхина, юкъах доьхкарш а дихкина, кортош тІе кІадинан асанаш йихкира Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара.
14Къинан сагІина лерина старгІа схьаялийра Мусас. Юха АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дехкира. 15СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта. 16Бежанна чуьра ерриг мохь а, доІаха тІера мохь а, шайн махьарца ший жим а, схьа а эцна, кхерча тІехь багийра Мусас. 17Ткъа старгІанах йиснарг – цуьнан неІ а, жижиг а, боьхаллаш а – меттаматтал арахьа а яьхна, цІера тІехь ягийра цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара.
18Дийнаташ дагоран сагІина ка схьабалийра Мусас. АхІарона а, цуьнан кІенташа а коьман коьрта тІе куьйгаш дехкира. 19Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цІий массо а агІор сагІа доккхучу кхерчана тІе туьйхира Мусас. 20-21Ка дакъошка бекъа а бекъна, чоко а, когаш а хица била а билина, берриг а ка – корта а, дакъош а, мохь а – кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІа санна, багийра Мусас. Везачу Элана тамехь долу, цІера тІехь даьккхина сагІа дара иза, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара.
22Мусас кхин ка схьабалийра, иза АхІарон вазварна лерина бара. АхІарона а, цуьнан кІенташа а коьман коьрта тІе куьйгаш дехкира. 23Коьмана урс а хьаькхна, цуьнан цІий, жимма схьаэцна, АхІаронан аьтту лерган дума тІе а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьаькхира Мусас. 24АхІаронан кІентий тІе а балийна, церан массеран а аьтту лерган дума тІе а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а цІий хьаькхира Мусас. Кхерчана массо а агІор дисна цІий туьйхира цо. 25Мохь а, дума а, чоконна тІера ерриг мохь а, доІаха тІера мохь а, шайн махьарца ший жим а, аьтту гІогІ а схьаийцира Мусас. 26Везачу Элана хьалха хІоттийначу, совсаза бепиг чохь долчу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна буткъа совсаза цхьа хьокхам а, схьа а эцна, махьарна а, аьтту гІогІана а тІе диллира Мусас. 27АхІаронан а, цуьнан кІентийн а куьйгашна тІе а дехкина, цаьрга и дакъош, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна, хьалаайийтира цо. 28Юха, церан карара уьш схьа а эцна, кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанца дагийра цо. Иза Везачу Элана лерина, цІера тІехь даьккхина, вазваран сагІа ду, цуьнан хьожа Цунна тамехь ю. 29Некхан жижиг, схьа а эцна, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайира Мусас. АхІарон вазваран сагІина леринчу коьмах долу Мусан дакъа дара иза, Везачу Эло цунна тІе-ма-диллара.
30Къобалдаран даьтта а, кхерча тІера цІий а, жимма схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан бедаршна а, АхІаронан кІенташна а, церан бедаршна а тІе туьйхира Мусас. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а, церан бедарш а къобалйира цо.
31АхІароне а, цуьнан кІенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тІедиллина ма-хиллара: „АхІарона а, цуьнан кІенташа а даа деза иза“. 32Жижигах а, баьпках а бухайисина юьхкаш цІера тІехь ягае. 33ВорхІ дийнахь гуламан четарна хьалхара дІа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хІунда аьлча шун даздар ворхІ дийнахь дІадахьа деза. 34Тахана кхочушдинарг Везачу Эло тІедиллина дара, аша латийна къа дІадаккхархьама. 35Дийнахь а, буса а гуламан четарна чуволлучохь Іийр ду шу ворхІ дийнахь, Везачу Эло бохург а деш, шаьш хІаллак ца хилийта. Иштта иза тІедиллина суна Везачу Эло». 36АхІарона а, цуьнан кІенташа а Везачу Эло Мусагахула тІедиллинарг кхочушдира.

 

9

 

АхІарона сагІа даккхар

 

1БорхІалгІачу дийнахь АхІарон а, цуьнан кІентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас. 2Цо элира АхІароне: «Цхьа а сакхт доцу старгІа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хІотто. Старах къинан сагІа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагІа даккха. 3Исраилхошка ала: „Къинан сагІа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагІа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Іахар а балабе. 4Везачу Элана хьалха бертан сагІа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кІен сагІа а даккха, хІунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».
5Мусас да аьлла тІедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хІоьттира дерриг а халкъ. 6Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тІаккха Везачу Элан олаллин нур схьахІуттур ду шуна». 7АхІароне Мусас элира: «СагІа доккхучу кхерчана тІе а гІой, хьайна тІера къинан сагІа а даккха, дийнаташ дагоран сагІа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. Халкъо деана совгІаташ схьаэца, наха летийна къинош дІадахархьама, Везачу Эло тІе-ма-диллара».
8Кхерчана тІе а вахана, шена тІера, къинан сагІина лерина, старана урс хьаькхира АхІарона. 9КІенташа цІий деара АхІаронна тІе, цу чохь шен пІелг а башийна, кхерчан маІашна тІе хьаькхира цо, ткъа дисина цІий кхерчан буьхе охьадоьттира. 10Къинан сагІанах йолу мохь а, жаннаш а, доІаха тІера мохь а кхерча тІехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, 11ткъа жижиг а, неІ а цІера тІехь дагийра, меттаматтал ара а даьккхина.
12Юха дийнаташ дагоран сагІина леринчу бежанна урс хьаькхира АхІарона. Цуьнан кІенташа цІий тІедеара цунна. Цо иза массо а агІор кхерчана тІе туьйхира. 13Дийнаташ дагоран сагІина урс хьаькхначу бежанан дакъош а, корта а цара цхьацца шена схьадеача, кхерча тІехь дагадора цо, 14ткъа чоконаш а, когаш а, била а билина, вукху дакъошца кхерча тІехь багийра.
15Цул тІаьхьа АхІарона халкъан сагІа даьккхира. Халкъана тІера долчу къинан сагІина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагІа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тІера сагІа даккхаре терра. 16Дийнаташ дагоран сагІа а даьккхира цо, Везачу Эло тІе-ма-диллара. 17Иштта, кІен сагІа а даьккхина, цунах цхьа кана а юьзна, юха кхерча тІехь Іуьйранна даьккхинчу дийнаташ дагоран сагІина тІехула иза дагийра цо. 18Сту а, ка а бийра цо, халкъана долчу бертан сагІина лерина. Цуьнан кІенташа цІий тІедеара цунна. Цо иза массо а агІор кхерчана тІетуьйхира. 19КІенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тІера мохь а, жаннаш а, доІаха тІера мохь а. 20Цара мохь некхан жижигна тІе йиллича, цо иза, схьа а эцна, кхерча тІехь ягийра. 21Некхан жижиг а, аьтту гІогІ а, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна даьккхира АхІарона, Мусас тІе-ма-диллара.
22Халкъехьа дІа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхІарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а даьхна. 23ТІаккха Муса а, АхІарон а гуламан четарна чувелира. Цигара араваьлча, халкъ декъалдира цу шимма. Дерриг а халкъана Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 24Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара.

 

10

 

Надабан а, АбихІун а къа.

 

1АхІаронан кІенташа, Надаба а, АбихІус а, хІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цІе а, хаза хьожа йогІу хІума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цІе хийра яра, хІунда аьлча Везачу Эло царна тІе ца диллинера ишттаниг дан. 2ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. 3Мусас элира АхІароне: «ХІара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча:
„Суна уллохь болчара
Со Веза хилар лара деза,
ткъа дерриг а халкъана хьалха
Сан сийлалла къобалдан деза“».
Амма АхІарон вист а ца хуьлура.
4АхІаронан девешин Іузиалан шина кІанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гІой, шайн шичой Делан цІенна чуьра меттаматтал арахьа дІахьо». 5ДІа а вахана, динан дайн духарш тІехь долу белларш меттаматтал арахьа дІабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тІе-ма-диллара.
6АхІароне а, цуьнан шина кІанте, ЭлиІазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этІаде, шаьш ца далийта а, халкъана тІе Делан оьгІазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цІеро багийначарна тийжа мегар ду. 7Гуламан четарна чуволучунна уллора дІа ма довла, шаьш хІаллак ца дайта, хІунда аьлча шуна тІехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.

 

Динан дайшна лерина бакъонаш

 

8Везачу Эло АхІароне элира: 9«Гуламан четарна чудоьлхуш чагІар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кІенташа а, шаьш хІаллак ца дайта. Шун тІаьхьенна гуттаренна а тІедуьллуш ду иза, 10шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цІенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а, 11исраилхошна Везачу Эло Мусагахула довзийтина мел долу парзаш хьехийта а».
12Мусас АхІароне а, цуьнан бисинчу кІенташка, ЭлиІазаре а, Итамаре а, элира: «Везачу Элана цІера тІехь даьккхинчу кІен сагІанах дисинарг схьа а эций, цунах дина совсаза бепиг сагІа доккхучу кхерчана уллохь дІадаа, хІунда аьлча и сагІа чІогІа деза ду. 13Езачу меттехь даа и бепиг, хІунда аьлча иза Везачу Элана цІера тІехь даьхначу сагІанех хьан а, хьан кІентийн а дакъа ду. Иштта тІедиллина суна Везачу Эло. 14Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. 15Ерриг а мохь цІера тІехь йоккхуш йолчу хенахь цара гІогІ а, некхан жижиг а, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тІе-ма-диллара».
16Къинан сагІина лерина бож леррина лоьхуш вара Муса. Юха цунна хиира иза хІинцале ягийнийла! АхІаронан висинчу шина кІантана, ЭлиІазарна а, Итамарна а, оьгІазвахара Муса: 17«Къинан сагІа езачу меттехь хІунда ца диира аш? Иза чІогІа деза сагІа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дІадахархьама, шуна делла ма дара иза. 18Цуьнан цІий гуламан четарна чу ца даьхьна дела, аш иза езачу меттехь даа дезаш дара, суна тІедиллина ма-хиллара».
19АхІарона элира Мусага: «Цара тахана къинан сагІа а, дийнаташ дагоран сагІа а даьккхина Везачу Элана хьалха. Суна хилларг хьуна хаьа. Ас тахана къинан сагІа диъча, Веза Эла суна резахир вуй те?» 20Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.

 

Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна

 

(Карлабаьккхинарг 14:3-21)

 

11

 

1Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Декъачу лаьтта тІехь дехаш долчу массо а дийнатех шуна даа мегаш дерш хІорш ду: 3кІоргга харш а долуш, шина декъе екъаелла берг йолу а, нох доккхуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 4Амма нох доккхуш долчу я шина декъе екъаелла берг йолчу дийнатех хІорш ма даалаш: эмкало нох даккхахь а, цуьнан бергаш екъаелла яц. Иза шуна хьарам ю. 5ГІамарпхьагал а нох доккхуш ю, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 6Пхьагал а ю нох доккхуш, амма цуьнан когаш бекъабелла бац. Иза шуна хьарам ю. 7Хьакха кІорггера хоршаца шина декъе екъаелла бергаш а йолуш ю, амма цо нох ца доккху. Иза шуна хьарам ю. 8Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта. Уьш шуна хьарам ю.
9Хи чохь а, хІорда чохь а долчу дийнатех кІеда а, онда а пелагаш дерш даа мегар ду. 10Ткъа пелагаш доцурш, хи чохь а, хІорда чохь а Іаш а, нека деш а дерш, шуна дегаза хета деза. 11Уьш шуна хьарам ду: церан жижиг а ма даа, церан чархаш а дегаза а хета. 12Хи чуьра пелагаш доцу массо а дийнаташ шуна дегаза ду.
13Олхазарех хІорш шуна хьарам а ю, яа мегаш а яц: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 14маккхал а, шен тайпанашца леча а, 15шен тайпанашца муьлхха къиг а, 16страус а, бухІа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 17соька а, чІерийдохург а, ибис а, 18бухІа а, пеликан а, сип а, 19аист а, шен тайпанашца зуя[2] а, хІуттут а, бирдолаг а.
20ТІемаш а долуш, лаьттахула текхаш йолу сагалматаш дегаза ю шуна. 21ТІемаш а долуш, лаьттахула текхачу сагалматех цхьаерш яа мегаш ю: лаьтта тІехула кхиссаялархьама, шайн когашна тІехула настарш ерш ю уьш. 22Царах аша даа мегар ду: шен тайпанца цІоз а, ткъа иштта шайн тайпанашца солІам а, хьаргол а цІераш йолу цІоз а, шен тайпанашца цаьпцалг а. 23Кхин муьлхха а тІемаш долу а, лаьттахула текхаш йолу а сагалмат шуна дегаза ю.
24ХІинца дуьйцур долчу дийнаташа шу Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ду. Церан чархех дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 25Церан чарх схьаэцнарг шен бедарш йитта декхарийлахь ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 26Берг екъаелла а йолуш, амма цунна юккъехь кІорга харш а доцу, нох доккхуш а доцу дийнат шуна хьарам ду. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 27Беа кога тІехь лелачу акхаройх тІодаш тІехь леларш шуна хьарам ю. Муьлхха а церан чархах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 28Церан чарх схьаэцначу муьлххачо а шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. И санна акхарой шуна хьарам ю.
29Лаьттахула лелачу дийнатех шуна хьарам ю: шайн тайпанашца боьлкъазар а, дахка а, моьлкъа а, 30ткъа иштта анака а, хамелеон а, летаа а, хомет а, тиншемет а цІераш йолу моьлкъарчий а. 31Лаьттахула лелачу дерриг а дийнатех уьш шуна хьарам ю. Уьш елла йолуш, царах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 32Нагахь санна царах цхьаъ, яла а елла, цхьана хІуманна тІе йожахь, и хІума – дечиган пхьегІа а, я бедар а, я тІаьрсиг а, я гали а иза делахь – Далла хьалха боьха хир ю. Иза хи чу йилла еза. Сарралц иза Далла хьалха боьха хир ю, ткъа цул тІаьхьа иза цІена хир ю. 33Цу дийнатех елла хІума кхийрачу пхьегІи чу йожахь, цу чохь ерг Далла хьалха боьха хир ю. И пхьегІа йохо еза. 34И санначу пхьегІи чуьра хица йина яа хІума шуна хьарам хир ю, ишттачу пхьегІи чуьра молу хІума а хьарам хир ю. 35Церан чархах схьаяьлла тІейоьжна хІума а Далла хьалха боьха хир ю: кхийра пеш я кхийра кхерч бохо беза. Уьш Далла хьалха боьха хир бу, ткъа уьш шуна хьалха а боьха хир бу. 36Нагахь иза чохь хи долу хьоста я гІу елахь, и Далла хьалха цІена юьсу, ткъа деллачу оцу дийнатех дІахьакхавелларг Далла хьалха боьха хир ву. 37Деллачу дийнатах схьаяьлла хІума тІейоьжна долу дІадоь хІу Далла хьалха цІена дуьсу. 38Ткъа шена тІехь хи долчу хІуьнна тІе деллачу цу дийнатан цхьа хІума йожахь, и хІу Далла хьалха боьха хир ду.
39Аш дуучу дийнатех цхьаъ лахь, цунах дІахьакхавелларг сарралц Далла хьалха боьха хир ву. 40Деллачу оцу дийнатан жижиг диънарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву. Цу дийнатан чарх дІаяьхьнарг шен бедарш йитта дезаш ву, иза сарралц Далла хьалха боьха хир ву.
41Муьлхха а лаьттахула текха дийнат шуна дегаза ду, иза даа мегар дац аша. 42Иза гай тІехь текхаш а, я беа кога тІехь лелаш а, я дуккха а когаш болуш а елахь – и дийнат ма яалаш, иза шуна дегаза ю. 43Лаьттахула оцу текхаш йолчу дийнаташка шаьш Далла хьалха дегаза ма дайта, уьш бахьана долуш шаьш Далла хьалха боьха ма хилийта. 44ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. 45Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена.
46Иштта ду бежанех а, олхазарех а, хи чохь лелачу а, лаьттахула текхачу а дийнатех долу тІедиллинарг, 47Далла хьалха боьхачух цІенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дІакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“».

 

12

 

Бер динчу зудчух лаьцна тІедиллинарг

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Нагахь зудчо кІант вахь, ворхІ дийнахь, шен зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна, Далла хьалха цІена хир яц иза. 3БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш ву. 4Кхин ткъе кхойтта де даьлча, кІант виначу цІийх Далла хьалха цІена хир ю иза. Цу деношкахь цхьана а езачу хІуманах дІахьакхаяла а, Делан четарна улло ян а цунна могуьйтур дац, шен цІанъяларан денош чекхдовллалц.
5Нагахь зудчо йоІ яхь, шина кІирнах Далла хьалха цІена хир яц иза, зударийн цамгар хуьлучу деношкахь санна. Кхузткъе ялх дийнахь Іан деза цуьнан, йоІ йинчу цІийх Далла хьалха ша цІанъяллалц.
6ЦІанъяларан денош чекхдевлча, шен кІантах я йоІах дийнаташ дагоран сагІина шо кхаьчна Іахар а, къинан сагІина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо. 7Везачу Элана хьалха сагІа а даьккхина, и зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду динан дас. ТІаккха иза дІаихначу шен цІийх Далла хьалха цІена хир ю. Иштта ду кІант я йоІ йинчу зудчух долу тІедиллинарг.
8Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“».

 

13

 

Чкъуран цамгар йолчу нахах лаьцна тІедиллинарг

 

1Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагІа хилахь, иза динан дена АхІаронна я динан да волчу цуьнан кІентех цхьанна тІе вало веза. 3Динан да дегІа тІехь долчу доІе хьожур ву. ДоІа тІехь долу чоьш кІай а делла, даІ чкъурал кІоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тІаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дІахоуьйтур ду. 4Нагахь дегІа тІера томмагІа кІайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тІера чоьш кІайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхІ денна нахах дІакъасто веза. 5ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаІ, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхІ денна нахах дІакъастор ву даІ долу стаг. 6ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даІ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегІа тІехула дІаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІахоуьйтур ду. ДегІа тІехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тІаккха иза цІена хир ву. 7Нагахь стаг динан дена тІе ша Далла хьалха цІена хилар дІахаийта веанчул тІаьхьа, хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тІеван веза. 8Хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
9Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тІевало веза. 10Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегІа тІера йистина меттиг кІайн елахь, ткъа дестаро чоьш кІайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, 11иза дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дІакъасто ца веза, хІунда аьлча иза, массарна а гуш, цІена вац. 12Нагахь чкъуран цамгар коьрта тІера когашка кхаччалц цомгушчун дегІа тІехула дІасаяржахь, динан ден бІаьргаша схьалоццучул, 13динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегІ дерриг а цамгаро дІалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цІена ву эр ду. ХІунда аьлча цомгушчун дегІ кІайн ду – иза цІена ву. 14Ткъа цуьнан дегІа тІехь жижиг гучудалахь, иза цІена хир вац. 15Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цІена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. 16Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кІайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. 17Динан дас, дегІе а хьаьжна, даІ кІайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду.
18Нагахь цхьаннан дегІа тІехь сурх а яьлла, иза дІайирзинехь, 19ткъа иза хиллачохь кІайчу басахь дестар я цІегІо-кІайн томмагІа делахь, иза динан дена тІеван веза. 20ДаІ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тІера чоьш кІай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даІ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. 21Нагахь доІа тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. 22Нагахь даьІнаш дегІа тІехула чІогІа дІасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. 23Нагахь томмагІа, дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегІа тІе яьлла хІума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду.
24Нагахь цхьаннан чкъура тІехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дІайирзича, цигахь долчу жижиг тІехь цІегІо-кІайн томмагІа а хилахь, 25цу томмагІана тІера чоьш кІай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тІехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 26Нагахь томмагІана тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. 27ВорхІалгІачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула дІасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. 28Нагахь томмагІа, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.
29Нагахь стеган я зудчун коьрта тІехь я чІенгана тІехь даІ хилахь, 30динан да цамгаре хьожур ву. ДаІ чкъурана чудахна а долуш, цу тІера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тІехь я чІенгана тІехь йолу. 31Цу цамгаран доІе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тІера чоьш Іаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. 32ВорхІалгІачу дийнахь доІе а хьаьжна, нагахь чераш дІаса а ца даьржинехь, доІа тІехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даІ чкъурана чудахна а дацахь, 33цомгушчун месаш дІаларга еза. Амма даІ долу меттиг Іадйита еза. Динан дас шолгІа а дІакъасто веза цомгушниг ворхІ денна. 34ВорхІалгІачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даІ дегІа тІехула дІаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цІена хир ву. 35Нагахь стагана, ша Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхийначул тІаьхьа, чераш дегІа тІехула дІасадаржахь, 36динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даІ чкъурана чу даханехь, доІа тІехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цІена вац. 37Нагахь даІ ша ма-дарра а долуш, цу тІехь Іаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дІаяьлла, стаг цІена ву. Динан дас иза Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду.
38Нагахь стеган я зудчун дегІа тІехь кІайн томмагІаш хилахь, 39динан дена церан догІмаш тІехь кІайн-мокха томмагІаш гахь, иза дегІа тІе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цІена ду.
40Нагахь цхьаннан коьрта тІера месаш дІаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву. 41Нагахь стеган коьрта тІера хьалхара агІор месаш дІаевллехь, и стаг кІунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву 42Нагахь чераш я кІунзал болчу коьрта тІехь цІегІо-кІайн томмагІа хилахь, коьрта тІехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю 43Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кІунзал болчу коьрта тІера цІегІо-кІайчу даІан дестар дегІа тІехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доІах тера хилар гахь, 44цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цІена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхо деза, стеган коьрта тІехь даІ ду аьлла.
45Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. 46Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза».

 

Бедаршна тІехь хуьлучу доІан томмагІех лаьцна

 

47«Нагахь бедарна тІехь доІан томмагІа хилахь, – тІергІан я ветанан бедарна, 48я кІадина тІехь, я тІаьрсигана тІехь, я тІаьрсигах йинчу хІуманна тІехь иза делахь, – 49ткъа цу тІехь долу и томмагІа баьццарчу я цІечу басахь хилахь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. 50Динан дас, даІан томмагІе а хьаьжна, бехйина хІума ворхІ денна дІакъастор ю 51ВорхІалгІачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хІумане. Нагахь даІан томмагІа бедарна тІехь, я тІергІан я ветанан кІади тІехь, я тІаьрсига тІехь – цуьнан Іалашо мухха елахь а – дІасадаьржинехь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду. И хІума цІена яц. 52Динан дас шена тІехь томмагІа йолу и бедар, я тІергІан я ветанан долу кІади, я тІаьрсигах йина хІума яго еза, хІунда аьлча цунна тІехь долу доІан томмагІа кхераме ду. И хІума цІера тІехь яго еза.
53Нагахь динан дена доІан томмагІа бедарна тІехула а, я кІадина тІехула а, я тІаьрсиган хІуманна тІехула а дІаса ца даьржинийла гахь, 54цо доІан томмагІа тІехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хІума шолгІа а дІакъастор ю ворхІ денна. 55Бехйина бедар йиттинчул тІаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тІехь долу доІан томмагІа я хийцаделла а, я дІасадаьржина а цахилар гахь, иза цІена яц. Иза яго еза – доІан томмагІа бедаран тІехуларчу я бухаларчу агІонна тІехь делахь а. 56Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тІера доІан томмагІа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагІа долу дакъа цо бедарна, я тІаьрсигана, я кІадина тІера схьадаккха деза. 57Нагахь доІан томмагІа юха а бедарна я кІадина, я муьлххачу а тІаьрсиган хІуманна тІехь гучудалахь, иза дІасадаьржаш долу доІан томмагІа ду. Шена тІехь доІан томмагІа мел долу бедар яго еза. 58Нагахь бедар я кІади, я муьлхха а тІаьрсиган хІума йиттича, цунна тІера доІан томмагІа лаьттина меттиг цІанлахь, и хІума кхин цкъа а йитта еза, тІаккха иза цІена хир ю».
59Иштта ду, тІергІан я ветанан бедарна я кІадина тІе, я муьлххачу тІаьрсиган хІуманна тІе доІан томмагІа даьлча, иза цІена я боьха хиларх долу тІедиллинарг.

 

14

 

Тобелларш Далла хьалха цІанбарх лаьцна

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тІедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цІанван везачу хенахь иза динан дена тІевалор ву, 3ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, 4динан дас омра лур ду, цІанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. 5Кхийрачу пхьегІи тІе а лаьцна, шовданан хина тІехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. 6Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу Іуттур ду динан дас. 7Юха цамгарх цІанвечу стагана тІе ворхІазза цІийн тІадамаш тухур ду цо. Цул тІаьхьа, стаг Далла хьалха цІена ву аьлла дІа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дІахоьцур ду динан дас. 8Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цІанвеллачул тІаьхьа, и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхІ де доккхур ду цо. 9ВорхІалгІачу дийнахь ерриг а шен месаш дІайошур ю цо: корта а, маж а, цІоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тІаьхьа Далла хьалха цІена хир ву иза.
10БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. 11Стаг цІанвеш волчу динан дас цо деанчу совгІаташца гуламан четаран неІ йолчохь Везачу Элана хьалха хІоттор ву иза. 12Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. 13Къинан сагІина а, дийнаташ дагочу сагІина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Іахарна урс хьокхур ду, хІунда аьлча, къинан сагІа санна, къера хиларан долу хІара сагІа динан ден ду. Иза чІогІа деза сагІа ду. 14ГІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий, цхьажимма схьа а эцна, цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьокхур ду динан дас. 15Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. 16Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Іоьттина, аьтту куьйган пІелгаца ворхІазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дІакхуьссур ду динан дас. 17Куьйга тІехь дисна даьтта цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелга тІе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий хьаькхна ю. 18Кераюккъехь дисна даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, тІаккха и стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас.
19Къинан сагІа а даьккхина, цамгарх товина стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тІаьхьа дийнаташ дагоран сагІина дийнат дуьйр ду цо. 20Дийнат а, кІен сагІа а кхерча тІе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цІанваран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха и стаг Далла хьалха цІена хир ву.
21Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цІанвархьама гІуда такхаран сагІина цхьа Іахар бало беза цо. Цу Іахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагІа санна. Цул сов, цу стага, кІен сагІина лерина, бархІ кад зайтдаьттанца эдина кІен дама а, ши кад зайтдаьтта а, 22ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагІина, важа дийнаташ дагоран сагІина лерина хила беза. 23Ша цІанлучу борхІалгІачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІарна улло а еана, динан дега дІаяла еза цо и хІуманаш. 24ГІуда такхаран сагІина беана Іахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна боккхур бу динан дас. 25Іахар гІуда такхаран сагІина лерина бен а бийна, цуьнан цІий цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а хьокхур ду динан дас. 26Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, 27юха, аьрру куьйга тІера цу даьттана чохь аьтту куьйган пІелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхІазза Везачу Элана хьалха тосур ду. 28Хьалха ша цІий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. 29Дисина даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цІанваран Іадат кхочушдархьама. 30ЦІанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. 31Царах цхьа олхазар къинан сагІина а, важа кІен сагІанца дийнаташ дагоран сагІина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. 32Иштта ду ша цІанваран Іадат кхочушдечу хенахь сагІина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тІедиллинарг».

 

ЦІенош тІехь хуьлучу доІан томмагІех лаьцна

 

33Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 34«Нагахь, Ас шуна луш долчу канаІанхойн лаьтта тІе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тІера цхьана цІенна доІан томмагІаш Аса кхетийтахь, 35и цІа долчо, динан дена тІе а вахана, ала деза: „Сан цІенна тІехь томмагІаш гучудевлла, ткъа уьш доІан томмагІех тера ду“. 36ЦІийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тІаьхьа иза, талла а толлуш, цІийне хьожур ву. 37Нагахь цунна, томмагІашка хьаьжча, кІоргга чудахна а долуш, пена тІехула баьццарчу я цІечу басахь уьш хилар гахь, 38цІа чуьра ара а ваьлла, ворхІ денна иза дІакъовлур ду динан дас. 39ВорхІалгІачу дийнахь ша юхавеача, томмагІаш дерриг а пенашна тІехула дІасадаьржина хилар динан дена гахь, 40томмагІаш тІехь долу тІулгаш, схьа а дахийтина, гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхуьссуьйтур ду цо. 41ЦІа чуьра пенаш тІера хьахарш, охьа а дахийтина, гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхуьссуьйтур ду. 42ДІадаьхначеран метта кхин тІулгаш дІахІиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду.
43Нагахь, тІулгаш а, хьахарш а хийцинчул тІаьхьа, томмагІаш, юха гучу а девлла, дІасадаьржаш хилахь, 44динан дас кхин цкъа а цІа толлур ду. Нагахь томмагІаш пенашна тІехула дІасадаьржинехь, уьш кхераме доІан томмагІаш ду, цІа цІена дац. 45И цІа доха а дина, цуьнан тІулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхисса еза. 46Нагахь цхьаъ и цІа къевлина долчу хенахь цу чу гІахь, иза сарралц Далла хьалха цІена хир вац. 47Цу цІа чохь дІавижначо я хІума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цІена хир вац. Цу чохь хІума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цІена хир вац.
48Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тІаьхьа томмагІаш дІасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тІаьхьа гахь, цо цІа Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча томмагІаш дІадевлла. 49И цІа цІандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. 50Кхийра пхьегІи тІе а лаьцна, шовданан хи тІехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо. 51Баганан дечиг а, ярийн курс а, цІен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу а Іоьттина, цІенна тІе ворхІазза цинцаш тухур ду динан дас. 52Олхазаран цІийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цІечу тайца а цІа цІандийр ду цо. 53Дийна долу олхазар гІалел арахь, эрна аренгахула, дІахоьцур ду. Иштта цІа цІандаран Іадат кхочушдийр ду цо, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ду.
54Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а, 55бедарш тІехь а, цІийна тІехь а хуьлучу доІан томмагІех а, дегІа тІехь долчу дестарх а, хьаьттарех а, томмагІех а долу тІедиллинарг, 56кхеттарг боьха а, цІена а хуьлу хан къасторхьама. Иштта ду цу тайпана йолчу цамгарех я томмагІех долу тІедиллинарг».

 

15

 

ДегІах доьзначу цІена цахиларх лаьцна

 

1Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Нагахь стеган бехкечу меттера схьакъаьсташ тІуналла хилахь, и тІуналла цІена яц. 3Ткъа стаг цІена вац, цунах схьакъаьсташ йолу тІуналла бахьана долуш – тІуналла схьайолуш елахь а, стеган дегІаца иза юьсуш елахь а. 4И стаг тІевуьжуш болу муьлхха а мотт а, иза тІехиъна йолу муьлхха хІума а боьха хир ю. 5Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 6Нагахь дегІах тІуналла схьайолуш волу стаг тІехиъначу хІуманна тІе цхьаъ хаахь, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иштта стаг. 7ТІуналла схьайолучун дегІах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 8ДегІах тІуналла схьайолучо цхьанна тІе шат тохахь, бехвинарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 9ДегІах тІуналла схьайолуш верг тІехь лелаш йолу муьлхха а нуьйр цІена яц. 10Цу стагана бухахь хиллачу хІуманах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. И хІума карахь дІаяьхьнарг а, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 11ДегІах тІуналла схьайолург, куьйгаш дилина а доцуш, цхьаннах дІахьакхалахь, иза шех хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 12Шех тІуналла схьайолург дІахьакхавелла кхийра пхьегІа йохо еза, ткъа дечигах йина пхьегІа хица йила еза.
13ДегІах схьакъаьсташ йолу тІуналла сецча, ворхІ дийнахь Іан веза и стаг, Далла хьалха цІена хилархьама. Цул тІаьхьа, шен бедарш а йиттина, шовданан хица шен дегІ дила деза цо, тІаккха иза цІена хир ву. 14БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неІаре а веана, ши олхазар динан дега дІадала деза цо. 15Цхьана олхазарх къинан сагІа а, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа а даьккхина, динан дас Везачу Элана хьалха стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду.
16Нагахь стагах боьршачу нехан хуьлу тІуналла схьакъастахь, цо хица дерриг а шен дегІ дила деза. Сарралц цІена хир вац иза. 17И тІуналла тІекхетта муьлхха бедар а, чкъор а хица дила деза, сарралц цІена хир дац уьш. 18Нагахь стаг зудчуьнца дІавижча, цунах тІуналла схьакъастахь, стаг а, зуда а хица лийча деза. Сарралц цІена хир дац и шиъ.
19Нагахь, шайна хуьлучу цамгарца доьзна, зуда дегІах цІий дІакъаьсташ елахь, ворхІ дийнахь иза цІена хир яц. Муьлхха а цунах дІахьакхавелларг сарралц цІена хир вац. 20Ша цІена цахиларан деношкахь и зуда тІейижна а, тІехиъна а йолу хІума цІена яц. 21Иза дІаюьжучу маттах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 22И зуда тІехиъна Іийначу хІуманах хьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. 23Иза дІайижначу маттера я хиъна Іийначуьра цхьана хІуманах хьакхавелларг сарралц цІена хир вац. 24Нагахь цІий догІучу хенахь цу зудчуьнца майра дІавижахь, иза ворхІ дийнахь цІена хир вац. И тІевижна муьлхха а мотт цІена хир бац.
25Нагахь зудчун цІий дІаэхар, баттахь хуьлу цІена цахиларан хенахь а доцуш, кхечу деношкахь хилахь, я гуттар а хуьлучу хенал сов дахлахь, дерриг а цу деношкахь иза цІена хир яц, баттахь хуьлучу цІена цахиларан хенахь санна. 26Зудчунна цІий догІучу хенахь иза тІейижна муьлхха а мотт, иза тІехиъна муьлхха а хІума цІена хир яц, баттахь цІена ца хиларан хенахь тІейижна мотт санна. 27Цу хІуманех дІахьакхавелларг цІена хир вац, шен бедарш а йиттина, лийча веза иза. Сарралц цІена хир вац иза. 28ЦІий дІаэхар сецча, зудчо ворхІ дийнахь собар дан деза. Цул тІаьхьа иза цІена хир ю. 29БорхІалгІачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неІаре схьа а беана, динан дега дІабала беза цо. 30Олхазарех цхьаннах къинан сагІа, вукхунах дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду динан дас. Иштта Везачу Элана хьалха и зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду цо.
31Иштта шаьш боьха хуьлуьйтучу хІуманех исраилхой къостуьйтур бу ахь, царна юкъахь долу Сан цІа сийсаз а деш, шайн боьхачу хІуманашца уьш ца балийта.
32Иштта ду дегІах тІуналла схьакъаьстачех долу тІедиллинарг: стаг цІена ца хуьлуьйтуш йолчу боьршачу нехан тІуналлех а, 33цІий дІаоьхучу зударех а, тІуналла дегІах схьакъаьстачу стагах а, зудчух а, цІена йоцучу зудчуьнца дІавижначу майрачух а долу тІедиллинарг“».

 

16

 

Къинош дІадахаран де

 

1Хийра цІе а яхьаш, Везачу Элана хьалха веана АхІаронан ши кІант велча, Везачу Эло Мусаца къамел дира. 2Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн вешига АхІароне дІаала, шена дага мел деанчу хенахь Делан четаран кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу меттиге ма гІо. Цигахь лаьттачу бартбаран тІорказан негІарна хьалха иза веача, АхІарон вала мега, хІунда аьлча къинош дІадахаран негІарна тІехула йолчу мархина юккъехь Со гучуволу.
3Делан четаран уггар езачу чоьнна чувале, къинан сагІина старгІа а, дийнаташ дагоран сагІина ка а бан беза АхІарона.
4Дуткъачу кІадих йина еза коч тІеюха еза цо тІе, дуткъачу кІадих йина чухула юху хІума а, доьхка а, чалба а хила еза цунна тІехь. Уьш деза духарш ду, шен дегІ хица дила а дилина, юха еза цо уьш тІе.
5Исраилхойн халкъана тІера къинан сагІина лерина ши бож а, дийнаташ дагоран сагІина лерина ка а схьаэца беза АхІарона. 6Шена тІера къинан сагІина лерина старгІа а йийна, ша а, шен цІийно а летийна къинош дІадохур ду цо. 7Ши бож, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неІарехь дІахІоттор ю цо. 8Юха АхІарона шина божана кхаж тосур бу: цхьа кхаж Везачу Элана лерина, ткъа важа Іазизалина[3] лерина. 9Везачу Элана лерина кхаж баьлла бож, схьа а ялийна, къинан сагІа санна йоккхур ю АхІарона. 10ДІахецаран кхаж баьлла дийна йолу бож Везачу Элана хьалха хІоттор ю. Цул тІаьхьа и бож яьссачу ара, Іазизал долчу, дІахоьцур ю, халкъан къинош дІадахархьама.
11АхІарона шена тІера къинан сагІина лерина старгІа ялор ю, ша а, шен цІийно а летийна къинош дІадахархьама. Шена тІера къинан сагІина лерина старгІина урс хьокхур ду цо. 12Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерча тІера богуш болчу кІоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогІу сегІаз а, схьа а эцна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхІарона. 13Везачу Элана хьалха йогучу цІера тІе дуьллур ду цо хаза хьожа йогІу сегІаз. СегІазан кІуьро тоьшаллин тІорказан къинош дІадахаран негІар дІахьулдийр ду, АхІарон, иза ган а гина, ца валийтархьама. 14Юха старгІин цІий, шен пІелгаца цхьажимма схьа а эцна, негІарна тІе а, ворхІазза цунна хьалха а тухур ду цо.
15Къинан сагІина халкъана тІера бож юьйр ю цо, тІаккха цуьнан цІий а, старгІин цІий санна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негІарна тІе а, ворхІазза бартбаран тІорказна хьалха а тухур ду цо. 16Исраилхойн боьха гІуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дІадохур ду уггар езачу чоьнна тІера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хІунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цІена бац. 17АхІарон, уггар езачу чоьнна чу къинош дІадаха а вахана, араваллалц, цхьа а стаг гуламан четарна чохь хила мегар дац. Иштта ша а, шен цІийно а, дерриг а исраилхойн халкъо а летийна къинош дІа а даьхна, 18Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерчана тІе а вахана, иза цІанбан беза цо. СтаргІин а, божан а цІий цхьажимма кхерчан массо а маІана тІе хьокхур ду цо. 19Шен пІелга тІера ворхІазза кхерча тІе цхьажимма цІий а тоьхна, иза цІанбийр бу цо, исраилхой цІена цахиларх базбийр бу и кхерч».

 

ДІахоьцуш йолу бож

 

20«Уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагІа доккху кхерч а, цІан а бина, дийна бож схьаялор ю АхІарона. 21Шен куьйгаш дийначу божан коьрта тІе а дехкина, цунна тІехь исраилхойн ерриг а харцонаш а, зуламаш а, къинош а дІадуьйцур ду цо, уьш цу божан коьрта чу а дуьллуш. Цул тІаьхьа ша билгалваьккхинчу стагаца яьссачу ара дІахьажор ю цо и бож. 22Божо нехан ерриг а харцонаш шеца яьссачу ара дІахьур ю, цу стага ша дІахецча.
23Гуламан четарна чу а вахана, ша хьалха чувоьдуш тІедоьхна хиллачу дуткъачу кІадих дина духарш цу чохь дуьтур ду АхІарона. 24Езачу меттехь шен дегІ а дилина, ша лелош йолу бедарш тІе а юьйхина, аравер ву иза. Шена а, халкъана а тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду цо, ша а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. 25Къинан сагІина йийначу старгІин мохь кхерча тІехь ягор ю цо. 26Яьссачу ара бож дІахьажо ваханарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза. Цул тІаьхьа иза меттаматтана чуваха мега. 27Делан четаран уггар езачу чоьнна чохь къинош дІадаха цІий даьккхина йолчу, къинан сагІина йийначу старгІин а, божан а чархаш, меттаматтал арахьа а яьхна, церан неІарш а, жижиг а, боьхаллаш а яго еза. 28Уьш ягийнарг, шен бедарш а йиттина, лийча веза, тІаккха меттамотт болчу ван мегар ду иза».

 

Къинош дІадахаран де ларар

 

29«Шуна гуттаренна а тІедуьллуш ду хІара хІума: ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхаба, цхьа а тайпа болх а ма бе. Кхузахь Іаш волчу исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчу стага а ма бе цу хенахь болх, 30хІунда аьлча цу дийнахь шун къинош дІадохур ду, шу цІандархьама. Иштта шайн массо а къинойх Везачу Элана хьалха цІена хир ду шу. 31Иза садоІу шоьтан де ду, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба цу дийнахь. Иза гуттаренна а тІедиллина ду шуна. 32Шен ден метта даьттанца къобалвина а, вазвина а волу динан коьрта да шун къинош дІадахаран Іадат кхочушдан дезаш верг ву. Дуткъачу кІадих дина деза духарш тІе а дуьйхина, 33уггар еза чоь а, гуламан четар а, сагІа доккху кхерч а, динан дай а, халкъан массо а нах а цІанбаран Іадат кхочушдийр ду цо. 34Иза гуттаренна а шуна тІедиллина хІума хир ду: исраилхойн дерриг а къинош шарахь цкъа дІадахар».
Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, кхочушдира АхІарона дерриг а.

 

17

 

ЦІийн деза хилар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а, берриг исраилхошка а: „Везачу Эло вайна тІедуьллург хІара ду: 3нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгІина, я Іахарна, я газанна, урс а хьаькхна, 4уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагІа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тІехь цІий хир ду. Цо цІий Іанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву. 5Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагІина дайа деза цара и дийнаташ. 6Динан дас гуламан четарна хьалха болчу Везачу Элан кхерчана тІе цІий а тухур ду, мохь а ягор ю, Везачу Элана томана йолу хьожа хилийтархьама. 7Газа-цІушна шайн сагІанаш а дохуш, исраилхой Везачу Элана кхидІа цатешаме лела мегар дац. Гуттаренна а царна тІедуьллуш ду иза“.
8Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагІа доккхуш хилахь, 9Везачу Элана лерина гуламан четаран неІаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
10Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо муьлхха а цІийца долу жижиг даахь, Аса Сайн оьгІазло яссор ю цІий дуучун синна дуьхьал, шен халкъана юкъара и са дІа а эккхор ду. 11ДегІан са цІийна чохь долу дела, Аса цІий сагІа доккхучу кхерчана лерина хилийта аьлла шуьга, цІий Іанорца шун синош къинойх цІандайтархьама. Шена чохь са долчу цІийно къинош дІа ма доху. 12Цундела аьлла Ас исраилхошка, царах цхьаммо а, царна юкъахь тІевеана Іаш волчо а цІий даа мегар дац.
13Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цІий дІа а дахийтина, юха цу цІийна тІе латта таса деза, 14хІунда аьлча муьлххачу дегІан са цуьнан цІийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цІий долу цхьа а дилха ма даа. ЦІий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву.
15Къеелла а, экхано цистина а хІума йиънарг, исраилхо я тІевеана стаг и велахь, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза, цул тІаьхьа цІена хир ву. 16Нагахь цо шен бедарш а ца йиттахь, шен дегІ а ца цІандахь, иза бехке а ву, цо жоп дала а деза“».

 

18

 

Шен дахарехь цІена лелар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. 3Шаьш хьалха Іийначу Мисар-махкахь хилларг а, хІинца Ас шаьш дуьгучу КанаІан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тІе ма эцалаш. 4Ас тІедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. 5Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
6Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дІавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дІа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дІавижа мегар дац. 8Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дІа ма вижа. Иза хьайн деца дІавижар санна ду. 9Хьайн ден я ненан йоІаца, хьайн йишица, дІа ма вижа – иза хьайн цІахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10Хьайн кІентан я йоІан йоІаца дІа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11Хьан дестечо хьан дена йинчу йоІаца дІа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12Хьайн ден йишица дІа ма вижа. Хьан деца цхьана цІийх схьаяьлла ма ю иза. 13Хьайн ненан йишица дІа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цІийх схьаяьлла ма ю иза. 14Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дІа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15Хьайн несаца дІа ма вижа. Иза хьан кІентан зуда ма ю. 16Хьайн вешин зудчуьнца дІа ма вижа. Иза хьайн вешица дІавижар санна ду. 17Ненаца а, йоІаца а дІа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кІентан я йоьІан йоІаца а ма вижа. Уьш цхьана цІийх схьабевлла бу. Цаьрца дІавижар дегаза ду. 18Бухахь йолчу зудчунна тІе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дІа ма вижа.
19Хьайн зуда цІена йоцучу деношкахь цуьнца дІа ма вижа. 20Хьайн уллорачун зудчуьнца дІа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22Зудчуьнца санна, стагаца дІа ма вижа. Иза дегаза хІума ду. 23Цхьана а дийнатца дІа ма вижа, цу гІуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дІа ма йижа. Иза чІогІа маьттаза хІума ду!
24Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. 25Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. 26Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тІедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тІевеана Іаш волчо а и дегаза хІуманаш ма леладе. 27(Шул хьалха оцу лаьтта тІехь баьхначу наха лелийна и дегаза гІуллакхаш, цара бехдина и латта.) 28Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. 29Нагахь цхьаммо и дегаза гІуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву.
30Аса тІедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гІиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».

 

19

 

ЦІена хиларх а, нийсонах а тІедиллинарг

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала массо а исраилхошка: „ЦІена хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. 3ХІора а шайн нене а, дега а болчу ларамах вуьзна хила, Суна лерина шоьтан денош а ларде. Со шун Веза Дела ву.
4ЦІушна тІе ма дерза, лалийна деланаш а ма бе шайна. Со ву шун Веза Дела.
5Веза Эла волчу Суна бертан сагІа шаьш даьккхича, шуна тІера Со цунна резахуьлуьйтучу тайпана даккха иза. 6Шаьш сагІа даьккхинчу дийнахь а, шолгІачу дийнахь а даа иза, кхозлагІчу дийне даьлларг цІергахь дагаде. 7КхозлагІчу дийнахь и сагІа даа мегар дац, иза Суна хьалха цІена а дац, Со цунна реза а хир вац. 8Иза диинчо жоп дала деза, хІунда аьлча цо Везачу Элана дІакъастийнарг сийсаздина. И стаг шен халкъана юкъара эккхор ву.
9Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. 10Шайн кемсийн бешара тІаьхьарчунна тІекхаччалц кемсаш схьа ма лехьае, охьаэгна кемсаш схьа ма эца. Уьш къечарна а, тІебаьхкинчарна а йита. Со шун Веза Дела ву.
11Къола ма де, аьшпаш а ма битта, вовшийн ле а ма де. 12Хьайн Делан цІеран сий а дойуш, харцонна тІехь Сан цІарах дуй ма баа. Со Веза Эла ву.
13Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. 14Къорачунна сардам ма болла, бІаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хІума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву.
15Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. 16Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
17Дага чохь хьайн веше хьагІ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама. 18Бекхам а ма бе, оьгІазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
19Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хІу ма де хьайн кха тІе. Шина тайпана кІадих йина бедар а ма лелае.
20Нагахь цхьаъ кхечу стагана къобалйинчу гІарбашца дІавижахь, и зуда паргІатъяккхархьама оцу стага цунах мах ца беллехь а, цаьршинна таІзар дан догІу. Делахь а ден мегар дац и шиъ, хІунда аьлча зуда паргІатъяьккхина яц. 21Бехке волчу стага Везачу Элана лерина гуламан четаран неІаре гІуда такхаран сагІа даккха ка бало беза. 22Динан дас Везачу Элана хьалха стага латийна къа дІадоккхур ду, цуьнгара гІуда такхаран сагІина балийна ка а бийна. ТІаккха латийначу къинна цу стагана гечдийр ду.
23Везачу Эло лур ду аьллачу лаьтта тІе шаьш даьхкича, стом луш долу муьлхха а дитт догІа. Цу диттан стоьмаш кхаа шарахь цІена а ма лара, уьш баа а ма баа, 24ткъа доьалгІачу шарахь берриг а стоьмаш Везачу Элана леринчу сагІанашна дІабала беза. 25ПхоьалгІачу шарахь цу диттан стоьмаш аш баа мегар ду. Аша иштта дича, диттах долу ялта совдер ду. Со шун Веза Дела ву.
26Шеца цІий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. 27Гиччош долчуьра шайн месаш дІа а ма хедае, шайн мажойн йистош а ма ларга. 28Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догІмаш тІехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.
29Нахаца а лелийтий, шайн йоІан сий ма дайа. Аша иштта дича, шун махкахула нахаца лелар дІасадаьржар а ду, мохк зуламех бузур а бу. 30Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Іибадат до меттиг а лара. Со Веза Эла ву.
31Беллачийн синош тІедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тІе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
32Воккха стаг чуваьлча, хьалагІовтта. Баккхийчу нахе ларам хила. Шайн Деле болчу ларамах дуьзна хила. Со Веза Эла ву.
33ТІевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. 34Шаьш долчохь ваха хиъна волу тІевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Со шун Веза Дела ву.
35Кхел ечохь а, хІуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хІума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. 36Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со. 37Дерриг а Сан парзаш а ларде, Ас тІе мел диллинарг кхочуш а де. Со Веза Эла ву“».

 

20

 

ЛацадогІарна таІзар дар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тІевеана Іаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дІалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІулгаш кхисса деза. 3Ас, Сайн оьгІазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дІаэккхор ву и стаг, хІунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дІа а луш, Сан цІа бех а дина, Сан сийлахь цІе сийсаз а йина. 4Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дІаваларх халкъана юкъара массара а шайн бІаьргаш дІахьаббинехь, цара иза ца вийнехь, 5Ас-Айса Сайн оьгІазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Іибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу.
6Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тІедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тІеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгІазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дІа а эккхор бу. 7Шаьш Далла лерина а хилийта, цІена а хила, хІунда аьлча Со, шун Веза Дела, цІена ву. 8Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хІунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.
9Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цІий шена тІехь ду цунна.
10Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. 11Шен ден зудчуьнца цхьаъ дІавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цІий царна тІехь ду. 12Нагахь цхьаъ шен несаца дІавижахь, и ший а дуьйр ду, хІунда аьлча дегаза гІуллакх ду цара динарг. Церан цІий царна тІехь ду. 13Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дІавижахь, цара динарг дегаза гІуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цІий царна тІехь ду. 14Хьарам хІума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цІергахь даго деза. И санна боьха гІуллакх шайна юкъахь ма хилийта! 15Дийнатаца цхьаъ дІавижахь, иза ве, дийнат а де. 16Нагахь зуда дийнатца дІайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цІий царна тІехь ду.
17Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дІавижахь, цо динарг хьарам гІуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дІаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дІавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. 18Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дІавижахь, цуьнан цІий дІаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза.
19Ненан йишица а, ден йишица а дІа ма вижа, хІунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. 20Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дІавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дІадаллалц бераш хир дац церан. 21Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дІавижахь, цо динарг боьха гІуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.
22Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тІе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тІедуьгучу лаьтто шу дІа ма Іеттадойла. 23Ас шу долчуьра дІаэккхочу къаьмнийн гІиллакхаш тІе ма эца. Цу наха и массо а боьха гІуллакхаш леладора, цундела Суна чІогІа ца бийзира уьш. 24Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дІалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дІакъастийна волу шун Веза Дела ву Со. 25Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дІакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тІехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де. 26Суна хьалха цІена хила, хІунда аьлча Со, Веза Эла, цІена ву. Ас кхечу халкъех дІакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.
27Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тІедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тІулгаш кхисса деза, церан цІий царна тІехь ду“».

 

21

 

Динан дайшна тІедуьллуш дерг

 

1Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала динан дайшка, АхІаронан кІенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. 2Амма велларг цуьнан уллора гергарниг хиллехь – да я нана, кІант я йоІ, ваша 3я маре яхаза, цуьнца цхьаьна Іийна йиша – цунах куьг Іоттарца динан дена магийтина ду ша бехван. 4Халкъана юкъара муьлххачу стагах а хьакхавелла, ша бехван ца веза динан дас, сийсазвина ца хилийта[4].
5Шайн кортош дІадаша а, мажойн йистош ларга а, дегІ а хедош, билгалонаш ян а мегар дац динан дайшна. 6Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. 7Нахаца леларг а, шен сий дайина ерг а, майрачо дІатесна ерг а яло мегар дац цара, хІунда аьлча уьш шайн Далла хьалха цІена бу. 8Динан да цІена лара, хІунда аьлча цо хьан Далла кхачанийн сагІанаш доху. ЦІена хуьлийла иза хьуна, хІунда аьлча шу даздеш волу Со, Веза Эла, цІена ву. 9Нагахь динан ден йоІ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦІергахь яго еза иза.
10Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тІе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тІедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тІера бедарш этІо а ца еза. 11Велларг волчу чуваха ца веза иза. Ур-атталла деллачу дех я ненах а хьакхавелла, ша бехван ца веза цо. 12Велларг дІаволлархьама, Делан цІа долчуьра дІа а вахана, шен Делан цІа сийсаздан ца деза цо, хІунда аьлча даьтта тІедоттарца дина долу Делан къобалвар ду цунна тІехь. Со Веза Эла ву. 13Шен халкъана юкъара йоІстаг бен шена яло мегар дац цо. 14Йисина йолу я йитина йолу, я сийсазйина йолу, я нахаца лелаш йолу зуда яло мегар дац цо, динан дас шена ялориг шен халкъана юкъара йолу йоІстаг хила еза, 15шен тІаьхье Далла хьалха боьха ца хилийтархьама. Иза вазвеш волу Веза Эла ву Со“».
16Везачу Эло Мусага элира: 17«ДІаала АхІароне: „Нагахь хьан тІаьхьенах волчу цхьаннан дегІа тІехь сакхт хилахь, шен Далла кхачанийн сагІанаш даха мегар дац цунна. Иза гуттаренна а тІедуьллуш ду. 18Далла сагІанаш даха мегар дац иштта цхьа сакхт долчунна: бІаьрзечунна, астагІчунна, цІарматчунна, 19ког я куьг заьІап долчунна, 20букъ хьала ца нислуш волчунна, лохачунна, бІаьрган цамгар йолчунна, чераш долчунна, чкъуран цамгар йолчунна, бехке меттехь чов йиначунна. 21Динан ден АхІаронан тІаьхьенах а волуш, дегІа тІехь сакхт долчу цхьана а стеган йиш яц Везачу Элана тІеван цІера тІехь сагІанаш даха. Сакхт ду цунна тІехь, цундела шен Далла кхачанийн сагІанаш даха мегар дац цунна. 22Суна лерина даьхна сагІанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. 23Амма цу стагана тІехь сакхт хиларна, Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна а, сагІа доккхучу кхерчана а тІеван мегар дац иза, Сан четар а, цунна чохь мел ерг а сийсаз ца ярхьама. Уьш язъеш волу Веза Эла Со ма ву“».
24АхІароне а, цуьнан кІенташка а, берриг а исраилхошка а дІахаийтира иза Мусас.

 

22

 

СагІанаш деза хилар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагІанаш леррина леладе, Сан еза цІе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. 3ДІаала цаьрга: „Шун тІаьхьенах волу цхьаъ, Далла хьалха цІена а воцуш, исраилхоша Суна къобалдинчу дезачу сагІанашна гергакхачахь, Суна хьалхара дІаэккхор ву иза. Со Веза Эла ву“.
4АхІаронан тІаьхьенах волу цхьаъ чкъуран цамгар йолуш я дегІах тІуналла схьайолуш велахь, цо деза сагІа даа мегар дац, ша цІанваллалц. Еллачу хІуманах хьакхаеллачух куьг Іоьттинарг а, боьршачу нехан тІуналла шех схьаяьлларг а, 5муьлххачу а текхаргех хьакхавелларг а, боьхачу стагах хьакха а велла, цІена воцург а 6сарралц боьха хир ву. Цо деза сагІа даа мегар дац, хица шен дегІ диллалц. 7Малх чубуьзча, иза цІена хир ву, тІаккха цо сагІанех йолу хІума яа мегар ду, хІунда аьлча иза цуьнан кхача бу. 8Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву.
9Сан хьехамаш ларбойла цара, шаьш бехке ца хилийтархьама а, тІедиллинарг талхор бахьана долуш ца далархьама а. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со.
10Хийрачо цхьаммо а деза сагІа даа мегар дац. Динан да волчохь Іачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагІа. 11Ахча а делла, эцначу а, цуьнан хІусамехь дуьнен чу ваьллачу а лено даа мегар ду и сагІа. 12Динан дайн тІаьхьенах схьа ца ваьллачу стаге маре яханчу динан ден йоІа дезачу сагІина деанарг даа мегар дац. 13Бераш а доцуш, йисна я йитина Іаш йолчу динан ден йоІа, шен хІусаме юхаеача, даа мегар ду шен ден бепиг, ша жима йолчу хенахь санна. Ткъа хийрачо цхьаммо а иза даа мегар дац.
14Цхьаммо ларамаза дезачу сагІанах цхьаъ яахь, цо динан дена и деза сагІа юхаметтахІотто деза, цу тІе цуьнан пхоьалгІа дакъа тІе а тоьхна. 15Динан дайша шаьш а сийсаздан мегар дац исраилхоша Везачу Элана деана долу деза сагІанаш, 16бакъо йоцучу нахе уьш даа а даийтина. Цу хІумано уьш бехке а хуьлуьйтур бу, царна таІзар а дийр ду. Уьш базбеш волу Веза Эла ву Со».
17Везачу Эло Мусага элира: 18«ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а, берриг исраилхошка а: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІевеана Іаш волчух цхьаммо цхьана нигатца я даггара леларца дийнаташ дагоран сагІа Везачу Элана лерина доккхуш делахь, 19сагІина далийна дийнат старгІанех я койх, я бежалойх эцна сакхт доцу боьршаниг хила еза, Дела резахилийтархьама. 20ТІехь сакхт долу цхьа а дийнат Везачу Элана лерина ма даладелаш, цуьнца аш Дела резавийр вац. 21Нагахь цхьаммо шен нигатца я даггара леларца Везачу Элана лерина бертан сагІина доккха я жима дийнат далийнехь, иза сакхт доцуш хила деза, Дела цунна резахилийта. Дийнаташна тІехь цхьа а сакхт хила йиш яц. 22БІаьрзе я лазийна, я цІармата, я цомгуш долу, я даьІнаш долу, я чераш долу дийнат Везачу Элана лерина ма даладе. Царах цхьа а, Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина сагІа санна, сагІа доккхучу кхерча тІе ма дилла. 23ТІех беха я боца когаш болу старгІа я Іахар даггара леларца долчу сагІина дало мегар ду, амма нигатца доккхучу сагІина уьш мегар дац, Дела резахир вац ишттачу хІуманна. 24Боьршалла гойту коьчалш лазийна я хьаьшна, я дІаяьхна, я дІахедийна долу дийнаташ Везачу Элана лерина ма даладе, шайн махкахь и саннарг ма де.
25Кхечу къаьмнех болчу нехан карара иштта дийнаташ шайн Далла леринчу сагІина схьа ма эца, хІунда аьлча царна тІехь сакхт ду. Цара Дела шуна резахуьлуьйтур вац“».
26Везачу Эло Мусага элира: 27«Эса я Іахар, я буьхьиг йича, ворхІ дийнахь шен ненаца йита еза, ткъа борхІалгІачу дийнахь дуьйна цІера тІехь Везачу Элана цунах сагІа даккха мегар ду. 28Аттана цо динчу эсаца, жийна цо бинчу Іахарца цхьана дийнахь урс ма хьакхалаш. 29Нагахь шаьш Везачу Элана лерина баркаллин сагІа доккхуш делахь, Дела шайна резахуьлуьйтучу кепара даккха иза. 30Цу дийнахь даа деза и сагІа, цунах хІума Іуьйренга ма ялийта. Со Веза Эла ву.
31Сан весеташ лар а де, кхочуш а де. Со Веза Эла ву. 32Сан еза цІе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со. 33Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».

 

23

 

Везачу Элан дезачу денойх лаьцна

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „ХІорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. 3Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхІалгІа де, садоІу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Іаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. 4ХІорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“».

 

Пасахьан а, совсазчу баьпкан а деза де

 

(Лелар 28:16-25)

 

5«Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. 6Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. 7Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 8ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь».
9Везачу Эло Мусага элира: 10«ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. 11Цо и цІов, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь и ялтин цІов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. 12ЦІов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Іахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа даккха. 13Іахарца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а да. КІен сагІина цхьа сахь кІен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тІе даьтта тоха. ЦІера тІехь даьккхина кІен сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагІаран сагІина хІин[5] цІе йолчу бараман доьалгІа дакъа чагІар схьаэца. 14Шайн Далла лерина и сагІанаш дохуш долу де тІекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа шаьш Іаш делахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза“».

 

Ялта чудерзоран деза де

 

(Лелар 28:26-31)

 

15«Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. 16Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. 17Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. 18Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 19Къинан сагІина цхьа бож а, бертан сагІина шо кхаьчна ши Іахар а кечбе. 20Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Іахар а. Везачу Элана лерина деза сагІа ду иза. И сагІа динан дена дІадала дезаш ду. 21Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза.
22Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву».

 

Локхучу маІийн деза де

 

(Лелар 29:1-6)

 

23Везачу Эло Мусага элира: 24«ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. 25Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагІа даккха цу дийнахь“».

 

Къинош дІадахаран де

 

(Лелар 29:7-11)

 

26Везачу Эло Мусага элира: 27«ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. 28Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хІунда аьлча иза къинош дІадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тІера къинош дІадохуш долу де. 29Муьлхха а цу дийнахь массо а хІуманна тІера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. 30Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хІаллаквийр ву. 31Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. 32Иза садоІу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгІачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц ларде шайн садоІу шоьтан де».

 

Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош

 

(Лелар 29:12-40)

 

33Везачу Эло Мусага элира: 34«ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. 35Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 36ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь.
37(Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цІера тІехь сагІанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кІен а, бертан а, чагІаран а сагІанаш. 38И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тІетоьхна а ду, ткъа и сагІанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагІанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгІаташна а тІетоьхна а ду.)
39ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. 40Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. 41ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. 42Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. 43Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“».
44Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна.

 

Къуьданах лаьцна тІедиллинарг

 

(Арадаккхар 27:20,21)

 

24

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тІедилла, даго тоьлла цІена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 3Бартбаран тІорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агІор гуламан четарна чохь АхІарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. 4ЦІеначу деших бинчу стогарна тІехь болу къуьданаш Іалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».

 

Дезачу баьпках лаьцна тІедиллинарг

 

5«КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. 6Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. 7ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. 8ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. 9АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду».

 

Дела емалварна таІзар дар

 

10Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кІант исраилхошна тІевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо. 11Везачу Элана лен а, Цуьнан цІе емалъян а волавелира и кІант, тІаккха исраилхоша Мусана тІе валийра иза. (Оцу кІентан ненан цІе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоІ яра.) 12Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дІалецира иза.
13Везачу Эло Мусага элира: 14«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тІе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тІулгаш кхисса. 15ДІаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза. 16Везачу Элан цІе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тІе тІулгаш кхисса деза. ТІевеана стаг я махкахо Везачу Элан цІе емалъеш велахь, иза вен веза.
17Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 18Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дІатакха деза: дахарна дуьхьал – дахар.
19Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегІан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза: 20меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бІаьргана дуьхьал бІаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегІа тІехь дина зен цунна а дан деза. 21Цхьаммо бежана дехь, цо иза дІатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 22Цу гІуллакхашна тІедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тІевеанчунна а, махкахочунна а, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».
23Мусас дІадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тІулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.

 

ВорхІалгІа шо

 

(Карлабаьккхинарг 15:1-11)

 

25

 

1Синай-лам тІехь Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Аса шайна лун долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, Везачу Элана лерина садоІучу заманахь цу лаьтте садаІийта. 3Ялх шарахь дІае шайн аренаш, ялх шарахь шайн кемсаш а хедае, церан кенаш а лахьаде. 4Амма ворхІалгІачу шарахь лаьтте садаІийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дІа а ма де, кемсаш а ма хедае. 5Лаьтта тІехь ша хьалаяьлларг тІаьхьалонна дІа ма йилла, хедоза йолчу кемсийн таьллангаш тІера кенаш схьа а ма даха. Лаьтто садоІу шо хир ду иза. 6Лаьтто цхьана шарахь садоІур ду, амма тоъал кхача хир бу шуна а, шун лешна а, гІарбашашна а, тІелаьцначу белхалошна а, шуьгахь Іачу тІебаьхкинчу нахана а, 7шун даьхнина а, шун лаьтта тІехь йолчу акхарошна а. Лаьттах ша схьаяьлларг шуна яа мегар ю“».

 

МеттахІотторан шо

 

8«МеттахІотторан шо[6] шайна юкъахь долу ворхІ шо ворхІазза дагар а дай, шовзткъе исс шо шайн хилийта. 9Цул тІаьхьа, ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь берриг а шайн махкахь Къинош дІадахаран де дІакхайкхаде, маІа а локхуш. 10Шовзткъе уьтталгІа шо къобал а де, шайн махкахь Іаш мел волу стаг паргІат а ваккха. МеттахІотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХІора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тІе а, шен тайпане а кхача. 11Шовзткъе уьтталгІа шо шун шатайпа меттахІотторан шо хилла дІахІуттур ду. ХІумма а де а ма де, лаьттах ша хьаладаьлларг тІаьхьалонна дІа а ма дилла, хедоза йолчу кемсаш тІера кенаш схьа а ма даха. 12ХІунда аьлча и хан шуна еза хир ю. Арара схьаяьлларг яа шайна.
13МеттахІотторан шарахь хІора а шен доьзалан латта тІе верза, цуьнан дола дан. 14Хьайн уллорачунна цхьа хІума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве. 15МеттахІотторан шо дІадаьллачул тІаьхьа долу шераш а дагардина, эца еза ахьа хьайн уллорачуьнгара хІума, ткъа цо а, ялта хин долу шераш а дагардина, хьуна йохка еза иза. 16Нагахь санна дуьсуш долу шераш дукха делахь, мах лакхабаккха, нагахь кІеззиг дуьсуш делахь, лахабаккха, хІунда аьлча духкуш дерг масех шарахь хин долу ялта ду. 17Вовшийн ле ма де, шайн Делах кхера, хІунда аьлча Со Веза Эла, шун Дела ву».

 

ВорхІалгІачу шарахь яар

 

18«Аса шайна тІедиллинарг а, Сан парзаш а, лар а деш, кхочушде. ТІаккха шу синтем болуш Іийр ду шайн махкахь. 19Лаьтто шуна шортта ялта лур ду, шун дуккха а даа хІума хир ду, тІаккха шу синтем болуш шайн махкахь Іийр ду.
20Амма аша ала тарло: „Оха латта дІадуьйш а ца хилча, ворхІалгІачу шарахь тхан яа хІума хир яц“. 21Цунна аша са ма гатде. Аса йолхалгІачу шарахь Сайн беркат доссор ду шуна тІе, тІаккха цу шарахь шуна кхаа шарахь даъал рицкъа хир ду. 22Ткъа бархІалгІачу шарахь ялта дІадоьчу хенахь, шун шира ялта кхачоза хир ду, иза дуур ду аша, уьссалгІачу шарахь керла ялта кхиъалц».

 

ХІума долахь хиларан бакъонаш меттахІиттор

 

23Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хІунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду.
24Шайн доьзалан латта мел долчохь иза юхаэцар магаде. 25Нагахь вашас, къий а велла, доьзалан латта дІадохкахь, цунна гІо дан дезаш волчу гергарчу стага, ван а веана, цо доьхкинарг юхаоьцур ду. 26Стеган шен доьзалан латта юхаэцийта гергара стаг ца хила а тарло, амма тІаьхьо, беркат а хилла, цуьнгахь иза юхаэццал ахча хила мега. 27ТІаккха цунна, доьзалан латта доьхкинчул тІаьхьа йолу хан а лерина, шерашка хьаьжжина лаьттах хІун мах бала беза хуур ду. Юха а эцна, доьзалан лаьттан дола дийр ду цо. 28Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахІотторан шо тІекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хІусамден дола дер ду.
29Нагахь стага гонах пен болчу гІалахь долу цІа дохкахь, цхьа шо далале иза юхаэца бакъо ю цуьнан. 30Амма шо далале цо иза юха ца эцахь, гонах пен болчу гІалара цІенош эцначу стеган а, цуьнан тІаьхьенан а дола довлу, меттахІотторан шарахь а доьхкинчу стагана иза юхалур дац. 31Ткъа гонах пен боцучу шахьаршкахь долу цІенош арарчу лаьттан меха лоруш ду. Уьш мичча хенахь а юхаэца а мега, ткъа меттахІотторан шарахь шайн хьалхалерчу хІусамден юха а дола довлу. 32Шайн долахь йолчу гІаланашкахь муьлххачу хенахь а цІенош юхаэца бакъо ю левихойн. 33Ткъа, масала, царах цхьаммо цІенош юха ца эцахь, меттахІотторан шарахь уьш юха а хІусамден дола девр ду, хІунда аьлча левихойн гІаланашкахь долу цІенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза. 34Амма церан гІаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хІунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю.

 

Къийбеллачарах а, лех а

 

35Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гІо де цунна, тІевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидІа а Іайта. 36Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. 37Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. 38КанаІан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со.

 

Леш дІахеца

 

39Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. 40Хьо волчохь Іайта иза, цхьана ханна тІевеана стаг санна, меттахІотторан шо тІекхаччалц. 41ТІаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тІегІур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. 42ХІунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. 43Къизаллица олалла а ма де цу стагана тІехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. 44Шайна леш я гІарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш. 45Иштта шайн махкахь тІебаьхкина Іаш болу нах а, шайн лаьтта тІехь кхиинчу церан тІаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу. 46Шайн тІаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тІехь къизаллица олалла ма де.
47Хийрачу махкара веана я цхьана ханна шуна юкъахь Іаш волу стаг хьал долуш велахь, ткъа хьан ваша, къий а велла, цу стагана вохкавеллехь, 48ша юхаэцийта бакъо хир ю цуьнан. Вежарех цхьаммо юхаэца мегар ду иза. 49Цуьнан девашас я девешин кІанта юхаэца мегар ду иза, гергарчу нахах я тайпанах цхьаммо юхаэца а мегар ду. Ткъа тоъал таро елахь, ша мах бала а мегар ду цо шех. 50Ша эцначунна мах дІатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тІера дуьйна меттахІотторан шарна тІекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дІадала деза цо, хІунда аьлча и стаг хІусамда волчохь тІелаьцна белхало санна хилла. 51Ткъа меттахІотторан шо тІекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дІадала деза цо. 52Нагахь шераш кІезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дІабала беза шех богІу мах. 53ХІора шарахь йолах тІелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХІусамдега цунна тІехь ницкъ ма байта. 54Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахІотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргІатдевр ду. 55ХІунда аьлча исраилхой Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Со шун Веза Дела ву.

 

Дала бохург дарна декъалдар

 

(Карлабаьккхинарг 7:12-24;28:1-14)

 

26

 

1«Шайна цІуш ма бе, лалийна цІуш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, тІулгех хедийна цІуш а ма хІиттабе, царна Іибадат дархьама, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. 2Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Іибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.
3Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь, 4Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. 5Кемсаш схьайоху хан тІекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дІаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргІат Іийр ду шу.
6Шун махкахь машар хІоттор бу Ас. ПаргІат дІадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тІера дІалохкур ю Ас, тІом шун махкахь кхин могуьйтур бац. 7Шайн мостагІий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш. 8Шух пхеаммо бІе эккхор ву, бІеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагІий. 9Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тІехь Со чІогІа лаьттар ву. 10Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дІакхуссур ду аша. 11Сайн Іаш йолу меттиг шуна юкъахь дІахІоттор ю Ас, шух дІавоьрзур вац Со. 12Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. 13Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тІехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтІахь хиллачуьра Аса шу паргІатдехира».

 

Дала бохург цадарна таІзар дар

 

(Карлабаьккхинарг 28:15-68)

 

14«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, 15нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, 16Ас шуна таІзар дийр ду. Кхерам а, хІоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тІе. Цара шун бІаьрса а гІелдийр ду, синош а бІарздийр ду. Аш ялта дІадер эрна хир ду, шун мостагІаша иза дуур долу дела. 17Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а.
18Оцу массо а гІуллакхел тІаьхьа аш Соьга ла ца догІахь, шун къиношна Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна. 19Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. 20Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.
21Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. 22Шуна тІе арара акхарой хоьцур ю Ас. Цара шун бераш а дойур ду, шун даьхни а хІаллакдийр ду. Шуна юкъара дукха нах цара байарна, шун некъаш дассалур ду.
23Цул тІаьхьа а шу, нис а ца луш, Суна дуьхьалдовлахь, 24Со а вер ву шуна дуьхьал. Ас ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аш къинош леторна. 25Бекхам беш долу тур доккхур ду Ас шуна дуьхьал, аш Соьца бина барт бохорна. Нагахь шу шайн гІаланаш чохь шаьш лардайта гуллахь, Ас шуна тІе ун хоьцур ду, тІаккха мостагІийн карагІур ду шу. 26Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду.
27Нагахь цул тІаьхьа а, Соьга ла а ца дугІуш, шу Суна дуьхьалдовлахь, 28Ас, оьгІазаллица шуна дуьхьал а ваьлла, ворхІазза сов таІзар дийр ду шуна аша къинош леторна. 29Шайн кІентийн а, мехкарийн а дилха дуур ду аша. 30ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. 31Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. 32Шун латта дассор ду Ас, цу тІехь баха охьахевшина шун мостагІий цецбовллал чІогІа. 33Шу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду Ас, шуна тІаьхьа тур а даьккхина. Шун латта даьсса хир ду, шун гІаланаш а йохийна Іохкуш хир ю. 34ТІаккха ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна лаьтто токхуьйтур ду шена дина зен, садаІаран шераш ца даздаран бахьана долуш. Шу шайн мостагІийн махкахь долчу хенахь лаьтто садоІур ду. 35ДІатесна Іуьллучу ерриг а хенахь лаьтто садоІур ду, шу цунна тІехь Іаш долуш, шена садаІа дІа ца еллачу ханна.
36Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. 37Вовшах тийса а луш, галдевр ду шу туьрах девдча санна, шайна тІаьхьаваьлла цхьа а воццушехь. Шайн мостагІашна дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун. 38Кхечу къаьмнашна юкъахь Іаш а долуш, дІакхелхар ду шу, шайн мостагІийн лаьтто дІа а кхаьллина. 39Шух дийна биснарш, шайн а, шайн дайн а харцонаш бахьана долуш, шайн мостагІийн мехкашкахь маргІалбулур бу.
40ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, 41Со а ваьлла царна дуьхьал, церан мостагІийн махка уьш йийсаре а балийна), церан аьрха дегнаш къарделча а, шайн харцонех цара гІуда текхча а, 42Суна дагабогІур бу Якъубаца а, Исхьакхаца а, ИбрахІимца а бина барт а, дагадогІур ду латта а. 43Исраилхойх дисна долу латта, царах дасса а делла, зовкх хьоьгуш хир ду ша садоІучу шерашкахь. Шайн харцонашна цара декхар токхуш хир ду, Ас тІедиллинарг кхочуш ца дарна, Сан парзаш тІе ца эцарна. 44Ткъа иза иштта делахь а, уьш шайн мостагІийн лаьтта тІехь Іачу хенахь а, Со царах дІавоьрзур вац, уьш хІаллакбархьама дІа а тосур бац, Сайн цаьрца болу барт ца бохорхьама, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву. 45Айса церан дайшца бина барт дагабоуьйтур бу Аса исраилхойн дуьхьа. Дерриг а халкъашна хьалха церан дай Мисар-махкара арабехира Ас церан Дела хилархьама. Со Веза Эла ву».
46ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула Исраилан халкъана делла парзаш а, тІедехкинарш а, хьехамаш а.

 

27

 

Везачу Элана лерина долчух лаьцна

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь, 3бала беза мах ткъа шарна тІера кхузткъа шарна тІекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина. 4Нагахь иза зуда елахь, ахь хІоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу. 5Пхеа шарна тІера ткъа шарна тІекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу. 6Цхьана батта тІера пхеа шарна тІекхаччалц волчу кІентан мах пхи шекхал дети, йоІан мах кхо шекхал дети хир бу. 7Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.
8Нагахь стаг къен а хилла, ахь хІоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тІевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.
9Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагІа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дІакъастийна а хир ду. 10Кхечу хІуманца иза хийца мегар дац. СагІина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дІакъастийна а хир ду. 11Нагахь далийна бежана Далла хьалха цІена а доцуш, Везачу Элана сагІина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тІе. 12Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза. 13Нагахь цхьаъ иза юхаэца гІерташ велахь, хІоттийначу механа тІе пхоьалгІа дакъа тІетохийта цуьнга.
14Нагахь цхьаъ шен цІа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цІийнан мах. 15Нагахь цу стагана шен цІа юхаэца лаахь, хІоттийначу механа тІе пхоьалгІа дакъа тІетоха деза цо, тІаккха цІа цуьнан хир ду.
16Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дІаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тІехь пхи гали мукх дІабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу. 17МеттахІотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хІоттийнарг хир бу. 18Нагахь меттахІотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тІедогІучу меттахІотторан шарна тІекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хІотто беза динан дас. 19Ша дІаделла кха стагана юхаэца лаахь, хІоттийначу механа тІе пхоьалгІа дакъа тІетоха деза цо, тІаккха латта цунна дуьсур ду. 20Нагахь цо дІа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц. 21МеттахІотторан шарахь и кха дІахецча, иза Далла дІакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.
22Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дІаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь, 23динан дас, МеттахІотторан шарна тІекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дІабала безаш бу цу стага – и ахча Везачу Элана дІакъастийна хир ду. 24МеттахІотторан шарахь хьалха хиллачу хІусамден – латта доьхкинчу стеган – дола юхадоьрзу и латта.
25Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер[7] хила еза.
26Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хІунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагІ белахь а, бож елахь а – Везачу Элан ду иза. 27Даьхни хьарам делахь, ахь хІоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хІоттийначу мехах дІадохка мегар ду иза.
28Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. 29Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац – уьш дайа дезаш ду.
30Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. 31УьтталгІа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгІа дакъа тІетоха деза. 32Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгІа дакъа Везачу Элан долахь ду. Іуьнан коьжалгана кІел лелачу даьхних хІора уьтталгІаниг Везачу Элана дІакъастийна хила деза. 33Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дІакъастийна хир ду, тІаккха иза юхаэца йиш яц“».
34ХІорш ду Везачу Эло Синай-лам тІехь Мусагахула исраилхошна тІедехкина весеташ.

 

 

 

Лелар

Дешхьалхе

 

Шовзткъа шарахь Исраилан халкъ яьссачу арахула лийлира. Синай-лома тІера дуьйна Дала шайна лур бу аьллачу мехкан малхбалерчу дозанна тІекхаччалц болчу церан некъах лаьцна ду хІара Лелар цІе йолу тептар. Исраилан халкъ Синай-ломана уллохь долчу хенахь, Мусас иза дагардира, ткъа халкъан некъ чекхбаьлча, халкъ Муаби-махкахь долчу хенахь, иза юха а дагардира цо. Цул хьалха Исраилан халкъ КанаІан-мехкан къилберачу дозанна уллохь йолчу Кхадеш-БарнаьІа-гІалина тІедахара, амма цигахула царна ваІданца лур бу аьллачу махка чу ца бахалора уьш. Дуккха а хан оцу меттехь а яьккхина, уьш Йордан-хил малхбалехь йолчу метте бахара. Халкъан цхьа дакъа цигахь даха охьахиира, ткъа вукху декъо цигахь кечам бира, Йордан-хил дехьа а даьлла, КанаІан-махкана чубовла.
Лелар олучу тептар тІехь дуьйцуш ду халкъ юх-юха а гІайгІанехь а, кхерамехь а хиларх лаьцна, цунна тІехь Іазапаш латтийна дела. Далла а, Дала цунна тІехь дІахІоттийначу Мусана а дуьхьалделира и халкъ. Исраилхоша иштта къинош летадахь а, Шена хьалха уьш аьрха белахь а, Дела царна тешаме а хуьлу, Цо уьш Іалаш а бо. Оцу массо а ханна Муса Далла а, халкъана а тешаме вуьсу, иза наггахь чІогІа собаре ца хилахь а.

 

1

 

Исраилан халкъ дуьххьара дагардар

 

1Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тІаьхьа шолгІачу шеран, шолгІачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІорра а боьршачу стеган цІе дІаязъе. 3Ахьа а, АхІарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тІеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчеран хьесап де. 4Шайн доьзалехь баьчча волу хІора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. 5Шуьца хинболчу нехан цІераш хІорш ю:
Раабанан тІаьхьенах – Шидауран кІант Элицур;
6ШимІин тІаьхьенах – Цура-Шидин кІант Шелумиал;
7ЯхІудан тІаьхьенах – Іамминадабан кІант Нахьшон;
8Исраилан тІаьхьенах – ЦуІаран кІант Натунаил;
9Забулан тІаьхьенах – Хьелонан кІант Элиаб;
10Юсупан кІентех: Эпрайман тайпанах волу ІамихІудан кІант Эли-ШамаІ а, Маннашан тІаьхьенах волу Падацуран кІант Гамлиал а;
11Бен-Яманан тІаьхьенах – ГидІонин кІант Авдани;
12Данан тІаьхьенах – Іами-Шидин кІант АхьиІазар;
13Ашаран тІаьхьенах – Іухранан кІант ПагІиал;
14Гадин тІаьхьенах – ДаІуалан кІант Элъясайп;
15Напталан тІаьхьенах – Іайнанан кІант АхьираІ».
16Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.
17ЦІераш яьхна и нах шайца дІабигира Мусас а, АхІарона а. 18ШолгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дІагулдира цара. ТІаккха халкъо цаьрга дІадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цІе дІаязйора, 19Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.
20Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 21Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бІе стаг вара (46500).
22ШимІин тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 23ШимІин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе стаг вара (59300).
24Гадин тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 25Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт стаг вара (45650).
26ЯхІудан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 27ЯхІудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе стаг вара (74600).
28Иссарханан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан а цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 29Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе стаг вара (54400).
30Забулан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 31Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе стаг вара (57400).
32Юсупан кІант волчу Эпрайман тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 33Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бІе стаг вара (40500).
34Маннашан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 35Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бІе стаг вара (32200).
36Бен-Яманан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 37Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе стаг вара (35400).
38Данан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 39Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхІ бІе стаг вара (62700).
40Ашаран тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 41Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бІе стаг вара (41500).
42Напталан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг. 43Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе стаг вара (53400).
44Уьш бара Мусас а, АхІарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХІора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш. 45Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап. 46Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг (603550).
47Ткъа левихой ца богІура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа, 48хІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: 49«Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де. 50Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга. 51Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тІе левихойх воцу цхьа стаг тІегІортахь, иза вуьйр ву. 52Исраилан тІаьхьенах волу хІорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, саца веза. 53Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». 54И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.

 

2

 

Исраилхойн тайпанийн меттаметтанаш дІанисдар

 

1Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дІахІитто деза. ХІора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дІахІотто беза.

 

3Малхбалехьа, малх схьакхетачу агІор, ЯхІудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. ЯхІудан тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іамминадабан кІанта Нахьшона. 4Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе тІемало ву (74600).
5ЯхІудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ЦуІаран кІанта Натунаила. 6Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе тІемало ву (54400).
7ЯхІудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кІанта Элиаба. 8Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе тІемало ву (57400).
9ЯхІудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе везткъе ялх эзар виъ бІе стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дІабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.

 

10Къилбехьа йолчу агІор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Шидауран кІанта Элицура. 11Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бІе тІемало ву (46500).
12Раабанан тайпанна юххехь ШимІин тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кІанта Шелумиала. 13Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе тІемало ву (59300).
14Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду РаІалан кІанта Элъясайпа. 15Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт тІемало ву (45650).
16Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бІе шовзткъе итт стаг ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шолгІачу меттехь хир бу.

 

17Цул тІаьхьа гуламан четар а, иза дІахьош долу левихойн тайпа а дІагІур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тІаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дІанисдина кеп ма-хиллара, дІагІур бу уьш. ХІора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.

 

18Малхбузехьа йолчу агІор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа. 19Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало ву (40500).
20Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Падацуран кІанта Гамлиала. 21Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бІе тІемало ву (32200).
22Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду ГидІонин кІанта Авданис. 23Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе тІемало ву (35400).
24Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе бархІ эзар цхьа бІе тІемало ву, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дІабоьлхуш кхоалгІачу меттехь хир бу.

 

25Къилбаседехьа йолчу агІор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дІанислур бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іами-Шидин кІанта АхьиІазара. 26Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхІ бІе тІемало ву (62700).
27Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іухранан кІанта ПагІиала. 28Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бІе тІемало ву (41500).
29Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дІахІоттор бу. Оцу тайпанна тІехь куьйгалла дийр ду Іайнанан кІанта АхьираІа. 30Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе тІемало ву (53400).
31Данан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бІе шовзткъе вуьрхІитта эзар ялх бІе тІемало ву. Уьш, исраилхой дІабоьлхуш, шайн байракхашка хьаьжжина, тІаьххьарчу меттехь хир бу».

 

32Иштта, шайн доьзалшка хьаьжжина, багарбинера исраилхой. Меттаметтанашкахь болчу нехан, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, хьесап дича, уьш верриге а ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт тІемало вара (603550). 33Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, Исраилан тІаьхьенах болчу нехан хьесап деш, левихой багар ца бира.
34Иштта Везачу Эло Мусана тІедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. Цу тайпана, шайн байракхаш хьалаайинчохь, шайн меттаметтанашкахь дІахІуьттура уьш, ткъа иштта, хІорра а шайн тайпанашца а, доьзалшца а дІабоьлхура уьш.

 

3

 

АхІаронан тІаьхье

 

1ХІара ду АхІаронан а, Мусан а тІаьхьенах хилларг, Синай цІе йолчу лам тІехь Веза Эла Мусага вистхиллачу хенахь. 2АхІаронан кІентийн цІераш хІорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тІаьхьа бина кІентий бара АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. 3Уьш яра динан дай хиллачу Далла гІуллакх дан леррина къобалбинчу АхІаронан кІентийн цІераш. 4Надаб а, АбихІу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цІе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цІе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхІарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиІазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гІуллакх дора.

 

Левин тайпа къобалдар

 

5Везачу Эло Мусага элира: 6«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхІаронна хьалха дІахІиттабе, цаьрга цунна гІуллакх дайтархьама. 7АхІаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. 8Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегІаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. 9АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІало и левихой. Исраилан тІаьхьенах уьш леррина АхІаронан кара дІабелларш бу. 10АхІарон а, цуьнан кІентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гІуллакх цаьрга лардайтархьама. И гІуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гІортахь, иза вуьйр ву».
11Везачу Эло Мусага элира: 12«ЛадогІа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кІентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу, 13хІунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кІентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву».

 

Левихой багарбар

 

14Синай цІе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 15«Левин тІаьхье шайн доьзалшца а, шайн тукхамашца а ягаръе. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу хІора кІант вагарве». 16Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Цо тІедиллинарг кхочуш а деш, уьш багарбира Мусас.
17Левин кІентийн цІераш яра: ГІиршан, КхахІат, Мерари.
18ГІиршанан тІаьхьенан цІераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаІи.
19КхахІатан тІаьхьенах болчеран цІераш церан тукхамашца яра: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал.
20Мерарин тІаьхьенан цІераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а.
Уьш Левин тІаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина.
21ГІиршанах даьллера Ливанин а, ШамаІин а тукхамаш. Уьш ГІиршанах девлла тукхамаш дара. 22Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхІ эзар пхи бІе боьрша стаг вара (7500). 23ГІиршанан тІаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна тІехьа, малхбузехьа агІор, дІахІотто безара. 24ГІиршанан доьзалийн баьчча вара Лаалан кІант Элъясайп. 25ГІиршанан тІаьхьенах болчарна тІедиллинера гуламан четаран иштта хІуманаш Іалашъян: чухуларчу четаран а, тІехуларчу четаран а, четарна тІехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а, 26четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолчу шаршуйн а, кертан кевнехь йолчу шаршун а, цаьрца доьзна долчу машшийн а. Цул сов, царна тІедиллинера оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар.
27КхахІатах схьадаьллера Іамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Іузиалан а тукхамаш. Уьш КхахІатан тукхамаш дара. 28Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархІ эзар ялх бІе стаг вара (8600). КхахІатан тукхамна тІедиллинера еза хІуманаш ларъян. 29КхахІатан тІаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна къилбехьа агІор дІахІотто безара. 30КхахІатан доьзалийн баьчча вара Іузиалан кІант Эли-Цапан. 31Цара дола дан дезачунна юкъайогІура хІара хІуманаш: Делан тІорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гІуллакх дан леррина язйина пхьегІаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а.
32Левихойн баьччанашна тІехь волу баьчча вара динан да волчу АхІаронан кІант ЭлиІазар. Еза хІуманаш Іалашъеш болчарна тІехь куьйгалла дан къобалвинера иза.
33Мерарих схьадаьллера Махьлин а, Мушхьин а тукхамаш. Уьш Мерарин тукхамаш дара. 34Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бІе стаг вара (6200). 35Мерарин доьзалийн баьчча вара Абу-Хьаилан кІант Цуриал. Цара шайн меттамотт Делан четарна къилбаседехьа агІор дІахІотто безара. 36Мерарин тІаьхьенна дола де аьлларш хІара хІуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гІирс а. Царна тІедиллинера оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар. 37Иштта цара дола дан дезара: гонахарчу кертан бІогІамийн а, церан баххийн а, машшаш чІагІдеш тухуш долчу дечиган хьостамийн а, машшийн а.
38Мусас а, АхІарона а, цуьнан кІенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агІор, гуламан четарна хьалхахь дІахІотто безара. Царна тІедиллинера Делан четар лардар – иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гІуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гІоьртича, иза вен дезара. 39Везачу Эло тІедилларца Мусас а, АхІарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000).

 

Дуьнен чу хьалха бевллачийн метта левихой хІиттор

 

40Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан тІаьхьенах дуьнен чу хьалха бевллачу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан ерш багарбе, церан хІораннан цІе дІа а язъеш. 41Хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу исраилхойн метта левихой, дІа а къастабай, Суна лерина хилийта. Со Веза Эла ву! Ткъа исраилхойн хьалха дуьнен чу даьллачу бежанийн метта левихойн бежанаш а Суна лерина хилийта». 42Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, исраилхойн хьалха дуьнен чу бевлла берриге а кІентий багарбира Мусас. 43Уьш верриге а шайн цІерашца дІаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бІе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273).
44Везачу Эло Мусага элира: 45«Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву. 46Левихойн барамал сов волчу исраилхойн хьалха дуьнен чу ваьллачу ши бІе кхузткъе кхойтта кІантана тІера мах схьаэца. 47Цхьана стагана тІера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер[1] догІу). 48И ахча АхІаронна а, цуьнан кІенташна а левихойл совбевллачу исраилхошна тІера дІало». 49Мусас схьаийцира оцу совбевллачу исраилхойн метта дІалуш долу ахча. 50И ахча схьаэцнера исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу нахана тІера. Цхьа эзар кхо бІе кхузткъе пхиъ шекхал дети ахча, дезачу шекхалан бараме хьаьжжина, схьаийцира царна тІера. 51Левихойл совбевллачу исраилхошна тІера, мах а белла, схьаэцна и ахча, Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, АхІароне дІаделира Мусас.

 

4

 

КхахІатан тІаьхьенах болчу нахана тІедиллина гІуллакх

 

1Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 2«Левин тІаьхьенах долчу КхахІатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 3Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. 4КхахІатан тІаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тІебехкина болу белхаш уггар езачу хІуманашца боьзна бу.
5Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхІароне а, цуьнан кІенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тІорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тІорказна тІетасийта. 6Цул тІаьхьа цу тІорказна тІе хІордан дийнатийн кІеда тІаьрсиган тІетосург тасийта. Ткъа цунна тІехула сийна бос болу тІергІан кІади а тасий, тІорказан хьокхий шен чІагарех чекхдахийта.
7Иштта даздина баьпкаш тІехь долчу стоьла тІе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тІе бошхепаш, еш, боганаш, чагІаран сагІанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тІехь. 8Оцу массо а хІуманна тІехула цІен басахь долу кІади тІедиллийта. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган тІетосург тасийта. ТІаккха хьокхий стоьлан чІагарех чекхдахийта.
9Цул тІаьхьа сийна бос болу тІергІан кІади тасийта серло луш болчу стогарна тІе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дІасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тІе. 10И ерриг хІума а, хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийтийта.
11Дашочу кхерчана тІе а тасийта сийна бос болу кІади. Ткъа цу тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу тІе а тасий, кхерчан чІагарех хьокхий чекхдахийта. 12Делан четар чохь Іамал еш лело къастийна пхьегІаш сийна бос болчу кІадина юккъе дІахьарчае, тІаккха цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а йиллий, дІасакхоьхьучу экханна тІе яхкийта. 13Чуьра юкъ дІа а яккхий, сагІа доккхучу кхерчана тІе а сирла-цІен бос болу кІади тасийта. 14Цул тІаьхьа кхерчана уллохь Іамал еш лелош йолу ерриг хІума а схьагулъяйта: богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш, мІерий, белаш, боганаш. И ерриге а хІуманаш кхерча тІехь йолчу сирла-цІен бос болчу кІадина тІе яхкийта. ТІаккха оцу хІуманашна тІе хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чІагарех чекхдахийта. 15АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама.
Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза.
16Динан да волчу АхІаронан кІентан ЭлиІазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогІу хІума а, хІора дийнахь дахьаш долу кІен сагІа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хІуманан а, пхьегІийн а».
17Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 18«Варелаш! Левихойн юкъара КхахІатан тукхамийн гара дІа ма даккхийталаш! 19Уггар а езачу хІуманашна тІебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хІара дан деза: АхІарона а, цуьнан кІенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хІора кхахІатхо шен гІуллакх дечу метте дІа а хІоттош, цара дІаяхьа еза хІума гайта еза царна. 20Амма кхахІатхой, езачу хІуманашка хьажархьама, ур-атталла бІаьрганегІар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама».

 

ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана тІедиллина гІуллакх

 

21Везачу Эло Мусага элира: 22«ГІиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина. 23Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 24ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш гІуллакх деш а, хІуманаш дІахьош а, хІара дан деза: 25гІиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тІехула хІордан дийнатийн кІедачу тІаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, 26четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гІирс а. Оцу хІуманашца доьзна дан дезаш мел долу гІуллакх а кхочушдан деза цара. 27АхІаронан а, цуьнан кІентийн а омрица кхочушдан деза ГІиршанан тІаьхьенах болчара шайна тІедиллина муьлхха а гІуллакх: хІуманаш дІахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дІахьош мел йолчу хІуманан дола дар тІедилла царна. 28Цу тайпана белхаш бан беза ГІиршанан тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш».

 

Мерарин тІаьхьенах болчу нахана тІедиллина гІуллакх

 

29«Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 30Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гІуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 31Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дІаяхьа езаш йолу хІуманаш хІорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бІогІамаш а, цуьнан баххаш а, 32гонахарчу кертан бІогІамаш а, иштта церан баххаш а, чІагІдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гІирс а, оцу хІуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дІаяхьа езачу хІора хІуманан, цуьнан цІе а йоккхуш, хьесап де. 33Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тІаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гІуллакх деш, шайна тІехь куьйгалла деш динан ден АхІаронан кІант Итамар а волуш».

 

Левихойн багарбар

 

34Мусас а, АхІарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахІатан тІаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 35Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гІуллакх дан магийна болу берриге а нах, 36шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхІ бІе шовзткъе итт стаг вара (2750). 37Уьш бара КхахІатан тІаьхьенах болу гуламан четарна лерина гІуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхІарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара.
38Иштта КхахІатан тІаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 39Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 40шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бІе ткъе итт стаг вара (2630). 41Уьш бара ГІиршанан тІаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гІуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхІарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара.
42Мерарин тІаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а. 43Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гІуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 44шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бІе стаг вара (3200). 45Уьш бара Мерарин тІаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхІарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара. 46Иштта Мусас а, АхІарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тІаьхьенах волу хІора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а. 47Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гІуллакх дан а, четар дІадахьа а магийтина болу берриге а нах 48багарбича, бархІ эзар пхи бІе везткъа стаг вара (8580).
49Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара, уьш хІора а шайн билгалдаьккхинчу гІуллакхе дІа а хІиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.

 

5

 

Далла гергахь цІена боцурш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тІедилла чкъураца дІа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегІах тІуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дІалахкар. 3Иштта цІена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Іаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама». 4Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара.

 

Зуламаш дарна бекхам бар

 

5Везачу Эло Мусага элира: 6«Иштта дІаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу 7Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. 8Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дІакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дІадаха лерина болу ка а бала беза цо. 9Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дІакъастийначух хІума яхьахь, и сагІа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогІуш ю. 10Иштта, Далла дІакъастийнарг динан дена йогІу. Цхьаммо совгІатна хІума яхьахь, иза а динан дена догІу“».

 

Эмгараллех лаьцна бакъо

 

11Везачу Эло Мусага элира: 12«Исраилхошка, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Нагахь зуда, майрачунна ямартло а йина, 13иза шен майрачух лачкъа а дина, кхечу стагаца лелаш хилар цхьаммо гучудаккхахь (нахаца лелаш йоллучохь иза схьа ца лецира, хІунда аьлча оцунна теш ца хилла), 14цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло, цу зудчо ямартло ярна. Иштта, иза цхьана а стагаца ца леллехь а, цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло. 15Цу стага, шен зуда динан дена тІе а ялийна, цунна тІера бархІ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогІу хІума тоха ца еза. ХІунда аьлча иза стага шен эмгараллина тІера Везачу Элана лерина дахьаш долу кІен сагІа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагІа ду.
16Ткъа динан дас и зуда, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха дІахІотто еза. 17ТІаккха оцу динан дас деза хи, схьа а эцна, кхийра кхаби чу дотта деза. Цул тІаьхьа, Делан четар чуьра цІенкъара латта а даьккхина, иза цу кхаби чу таса деза. 18И хІума динчул тІаьхьа, динан дас и зуда Везачу Элана хьалха дІахІоттор ю. ТІаккха цу зудчун месаш дІа а хецна, дагалацаран сагІа – эмгараллина тІера деана кІен сагІа – зудчун кара дІалур ду динан дас. Ткъа динан ден карахь хир ду неІалт тІедоуьйту къаьхьа хи. 19ТІаккха динан дас, цу зудчуьнга харцдерг дийца мегар дац аьлла, чІагІо а йойтуш, эр ду: ‘Нагахь ахьа хьо марехь йолчу хенахь, кхечу стагаца а лелла, хьайн майрачунна ямартло ца йинехь, хІокху неІалт тІедоуьйтучу хино хьуна цхьа а тайпана зе дийр дац. 20Амма хьайн майрачунна ямарта а хилла, хьайн майра иза воццушехь, кхечу стагаца хьо леллехь, – 21оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неІалт кхайкхоран чІагІо йойтур ю, – Везачу Эло хьан халкъе хьуна неІалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гІогІаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла[2]. 22НеІалт тІедоуьйту хІара хи хьан дегІа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гІогІаш а толхуьйтуш’.
ТІаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, – ала деза.
23НеІалт хьажош долу и дешнаш динан дас кехат тІе дІаяздан деза, оцу хина тІера дешнаш, кехат даша а дина, къаьхьачу хи чохь диса деза. 24И хи цу зудчуьнга дІамалийта деза. НеІалт тІедоуьйтучу цу къаьхьачу хино, цуьнан кийра а дахана, цуьнга Іазап хьегийта тарло. 25Динан дас, эмгаралла хилар бахьанехь деана кІен сагІа зудчун карара схьа а эцна, Везачу Элана лерина хьала а айина, сагІа доккхучу кхерчана тІехьур ду. 26Динан дас, сагІина деанчу кІен цхьа кана, дагалацаран сагІа санна, схьа а эцна, кхерчана тІе а диллина, дагор ду. Цул тІаьхьа и хи зудчуьнга дІамолуьйтур ду цо. 27Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неІалт тІедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Іазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гІогІаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неІалт а кхайкхош, цунах дІадоьрзур ду. 28Нагахь и зуда шен майрачунна хьалхахь бехке ца хиллехь, динан дас иза бехке йоцийла а хоуьйтур ду, цуьнан бераш а хир ду.
29Иштта ю эмгаралла юкъаяьлча хила еза бакъо, нагахь зудчо, шен майрачунна ямартло а йина, къа латадахь, 30я нагахь майрачун шен зудчух тешам байнехь, цо ямартло йина аьлла. Динан дас, и зуда Везачу Элана хьалха дІа а хІоттийна, оцу бакъоно ма-бохху, дерриге а кхочушдан деза. 31Майра цхьана а тайпана бехке хир вац, ткъа зуда, цо къа латийнехь, жоьпе озор ю“».

 

6

 

Назархошна хІиттийна бакъонаш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо[3] хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, 3цо я чагІар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагІарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. 4Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хІума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хІу а, чкъор а даа ца деза.
5Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. 6Иштта, ша Везачу Элана лерина къобалвинчу дерриге а деношкахь докъана юххе ваха а мегар дац и стаг. 7Ур-атталла шен да я нана, ваша я йиша дІакхелхича а, царах хьакха а велла, Далла гергахь ша бехван мегар дац цо, хІунда аьлча ша Далла лерина къобалваран билгало ю цуьнан коьрта тІехь. 8Ша назархо хиларан дерриге а деношкахь иза Везачу Элан долахь ву.
9Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цІеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхІалгІачу дийнахь дІабаша беза цо, хІунда аьлча цу хенахь иза юха а цІанлур ву. 10БорхІалгІачу дийнахь динан дега иза гуламан четар чу волучу меттехь я ши къоркхокха, я ши кхокха дІабала беза цо. 11Цхьа кхокха къинан сагІина, шолгІаниг – дагоран сагІина дІаоьцур бу динан дас оцу стагана тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама, хІунда аьлча оцу стага докъах хьакхаваларехула къа латийна. Оццу дийнахь шен корта юха а Далла лерина къобалбан беза цо. 12ТІаккха цо юха а ша Везачу Элана лерина къобалвеш долу назархо хиларан денош дІадоло деза. Иштта, цу стага цхьа шо кхаьчна боьрша Іахар а беана, иза къера хиларан сагІина дІабала беза динан дега. Иза назархо хиларан цуьнан денош дІадайна, и денош цо юха карладаха деза, ша, докъах а хьакхавелла, бехвелла дела.
13Шен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хІоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина, 14Везачу Элана лерина сагІа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагІина цо бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Іахар. Къинан сагІина а бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагІина бан беза тІехь цхьа а сакхт доцу ка. 15Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догІу кІен а, чагІаран а сагІанаш а.
16Динан дас и ерриге а хІума Везачу Элана уллояхьар ю, цул тІаьхьа къинан сагІа а, дагоран сагІа а доккхур ду. 17ТІаккха совсазчу бедах дина бепиг чохь долу тускар а схьадахьар ду Везачу Элана лерина. Цуьнца цхьаьна ка а бахьар бу бертан сагІина. Цунна доггІу кІен а, чагІаран а сагІа а доккхур ду. 18Гуламан четарна чуволлучохь Везачу Элана лерина йитина йолу месаш дІа а йохуш, корта дІабаша беза цо. Бертан сагІина кІелахь йолчу цІерана тІе йохкур ю и месаш.
19Ша назархо хиларан билгало еш хилла йолу месаш дІа а яьхна, цу стага шен корта дІабаьшча, динан дас коьман кхехкийна тІа цуьнан кара лур ду. Цул тІаьхьа тускар чуьра цхьацца совсаза бепиг а, буткъа хьокхам а лур бу. 20И ерриг хІума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагІа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гІогІ а иштта динан дена догІу. Цул тІаьхьа цу назархочо чагІар мала мегар ду.
21Иштта бу назархочунна богІу товрат-хьехам. Ша назархо хиларна догІу сагІанаш даьхна а ца Іаш, шен таро елахь, цо Везачу Элана кхин сагІанаш дахаран нигат дан а тарло. Ша нигат дарца чІагІо еш ма-хиллара, назархочун товрат-хьехаме хьаьжжина, иза кхочушдан деза цо“».

 

Динан дайша декъалдар

 

22Везачу Эло Мусага элира: 23«АхІароне а, цуьнан кІенташка а иштта дІаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе:
24Везачу Эло шу декъал а дойла,
Цо шу лар а дойла!
25Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла,
Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла!
26Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла,
Цо шуна синпаргІато а лойла!“»
27Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цІе а йоккхуш, исраилхошна тІехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».

 

7

 

Исраилан халкъан тайпанийн куьйгалхоша сагІина деанарг

 

1Ша Делан четар дІахІоттийна ваьллачу дийнахь Мусас иза а, цу чохь мел йолу хІума а, сагІа доккху кхерч а, цуьнца мел болу гІирс а, даьттанца къобал а бина, базбира. Цо и хІуманаш ерриге а язйича, 2шайн доьзалийн баьччанаш болу Исраилан халкъан куьйгалхой баьхкира. Халкъ дагардечу хенахь тайпанашна тІехь куьйгалла деш берш бара уьш. 3Цара Везачу Элана сагІина лерина совгІаташ деара: гата тоьхна йолу ялх ворда а, царах дІабожа шишша сту а. Иштта, халкъан шина куьйгалхочо цхьацца ворда а еанера, ткъа хІораммо а цхьацца сту а балийнера. Уьш Делан четарна хьалхахь дІахІоттийра цара. 4Везачу Эло Мусага элира: 5«Халкъан куьйгалхоша еанарг схьаэца. Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш болчаьрга лелаяйта уьш. Левихошка дІало уьш, царна шаьш дечу гІуллакха тІехь оьшур ю и хІуманаш». 6Мусас, цаьргара ворданаш а, стерчий а схьа а эцна, уьш левихошка дІаделира. 7Ши ворда а, биъ сту а ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахе дІабелира, цара кхочушдеш долчу гІуллакхашка хьаьжжина. 8Йиъ ворда а, бархІ сту а Мерарин тІаьхьенах болчу нахе дІабелира, цара деш долчу гІуллакхашка хьаьжжина. Царна массарна а тІехьожуш вара динан да волчу АхІаронан кІант Итамар. 9Ткъа КхахІатан тІаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хІунда аьлча царна тІедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дІабоьлхучу хенахь четаран еза хІуманаш шайн белшаш тІехь дІаяхьар.
10СагІа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгІаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгІаташ цара кхерчана хьалха дІахІиттадора. 11Везачу Эло Мусага элира: «ХІора дийнахь куьйгалхойх цхьаццанга сагІа доккху кхерч къобалбарна лерина долу шен совгІат даийта».
12Хьалхарчу дийнахь яхІудхойн тайпанах волчу Іамминадабан кІанта Нахьшона шен совгІаташ деара. 13Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале[4] хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 14Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 15Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 16Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 17Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Іахар. Уьш дара Іамминадабан кІанта Нахьшона деана совгІаташ.
18ШолгІачу дийнахь иссарханхойн куьйгалхо волчу ЦуІаран кІанта Натунаила шен совгІаташ деара. 19Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 20Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 21Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 22Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 23Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара ЦуІаран кІанта Натунаила деана совгІаташ.
24КхозлагІчу дийнахь забулхойн куьйгалхо волчу Хьелонан кІанта Элиаба шен совгІаташ деара. 25Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 26Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 27Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 28Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 29Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Хьелонан кІанта Элиаба деана совгІаташ.
30ДоьалгІачу дийнахь раабанхойн куьйгалхо волчу Шидауран кІанта Элицура шен совгІаташ деара. 31Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 32Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 33Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 34Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 35Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Іахар. Уьш дара Шидауран кІанта Элицура деана совгІаташ.
36ПхоьалгІачу дийнахь шамІахойн куьйгалхо волчу Цура-Шидин кІанта Шелумиала шен совгІаташ деара. 37Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 38Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 39Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар а беанера. 40Къинан сагІина цхьа бож еанера. 41Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Цура-Шидин кІанта Шелумиала деана совгІаташ.
42ЙолхалгІачу дийнахь гадахойн куьйгалхо волчу ДаІуалан кІанта Элъясайпа шен совгІаташ деара. 43Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 44Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 45Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 46Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 47Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара ДаІуалан кІанта Элъясайпа деана совгІаташ.
48ВорхІалгІачу дийнахь эпраймхойн куьйгалхо волчу ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа шен совгІаташ деара. 49Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 50Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 51Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 52Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 53Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара ІамихІудан кІанта Эли-ШамаІа деана совгІаташ.
54БорхІалгІачу дийнахь маннашхойн куьйгалхо волчу Падацуран кІанта Гамлиала шен совгІаташ деара. 55Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 56Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 57Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 58Къинан сагІина лерина цхьа бой еанера. 59Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бой, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Падацуран кІанта Гамлиала деана совгІаташ.
60УьссалгІачу дийнахь бен-яманхойн куьйгалхо волчу ГидІонин кІанта Авданис шен совгІаташ деара. 61Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 62Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 63Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 64Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 65Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара ГидІонин кІанта Авданис деана совгІаташ.
66УьтталгІачу дийнахь Данахойн куьйгалхо волчу Іами-Шидин кІанта АхьиІазара шен совгІаташ деара. 67Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 68Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 69Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 70Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 71Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Іами-Шидин кІанта АхьиІазара деана совгІаташ.
72ЦхьайтталгІачу дийнахь Ашар-къоман куьйгалхо волчу Іухранан кІанта ПагІиала шен совгІаташ деара. 73Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 74Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 75Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 76Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 77Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Іухранан кІанта ПагІиала деана совгІаташ.
78ШуьйтталгІачу дийнахь напталхойн куьйгалхо волчу Іайнанан кІанта АхьираІа шен совгІаташ деара. 79Цо еанарг яра: цхьа бІе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КІен сагІина лерина зайтдаьттанца эдина кІен дама деанера царна чохь. 80Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогІу сегІаз чохь а долуш. 81Дагоран сагІина лерина цхьа старгІа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Іахар беанера. 82Къинан сагІина лерина цхьа бож еанера. 83Бертан сагІина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Іахар. Уьш дара Іайнанан кІанта АхьираІа деана совгІаташ.
84Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагІа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгІаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамІ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад. 85ХІора дато бошхепана даханера цхьа бІе ткъе итт шекхал, ткъа хІора дато боганна кхузткъе итт шекхал барамехь долу дети. Цу тайпана оцу пхьегІашна даханчу детин барам бара, дезачу шекхале хьаьжжина, ши эзар диъ бІе шекхал дети. 86Шайна чохь хаза хьожа йогІу сегІаз чохь долчу шийтта кедах хІора кедана даханера итт шекхал деши, дезачу шекхале хьаьжжина. Оцу дерриге а дашо кедашна даханера цхьа бІе ткъа шекхал деши. 87Дагоран сагІина лерина деана дийнаташ дерриге а дара: шийтта старгІа, шийтта ка, шаре баьлла шийтта Іахар. Царна йогІуш йолу кІен сагІина лерина хІуманаш цаьрца цхьаьна еанера. Иштта къинан сагІина лерина еана шийтта бож а яра. 88Ткъа бертан сагІина лерина деанера хІара: ткъе йиъ старгІа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Іахар. Иштта яра, сагІа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагІина лерина еана хІума.
89Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дІадохучу негІарна тІехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.

 

8

 

Стогаран къуьданаш дІахІиттор

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«АхІаронна тІе а дуьллуш, цуьнга иштта дІаала: „Ахь ворхІ къуьда стогар чу дІахІотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агІор йолу меттиг серлаяккхийта“». 3АхІарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агІор йолу меттиг серлаяккхийта АхІарона къуьданаш дІахІиттийра. 4Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тІекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.

 

Левихой Везачу Элана гергахь цІанбар а, къобалбар а

 

5Везачу Эло Мусага элира: 6«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цІанбе. 7Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. 8СтаргІа а, цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгІа старгІа къинан сагІина схьаэца ахьа. 9Левихой гуламан четарна хьалха дІахІиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дІагулде цига. 10Везачу Элана хьалха дІахІиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тІе куьйгаш дахкийта. 11Исраилхошна тІера долу шатайпа сагІа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхІароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. 12Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгІанийн кортош тІе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагІа, шолгІаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагІа даккха деза, левихойн къинош дІадахархьама.
13АхІаронна а, цуьнан кІенташна а хьалха левихой дІа а хІиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа уьш. 14Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дІакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама. 15Цул тІаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хІунда аьлча уьш, цІан а бина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина къобалбина бу. 16Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хІора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна. 17Исраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хІума: кІентех а, бежанех а – Сан ду. ХІунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кІентех а, бежанех а, дерриг а хІаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира. 18ХІинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэцна. 19Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дІадахийтархьама а. ТІаккха бохам тІебогІур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича».
20Мусас а, АхІарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тІе мел диллинарг. 21Левихоша шайн догІмаш а цІандира, тІера бедарш а йиттира. Цул тІаьхьа АхІарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагІа санна хьала а айира, царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цІанбархьама. 22Иза динчул тІаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хІиттира, АхІарона а, цуьнан кІенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тІедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара.
23Везачу Эло Мусага элира: 24«Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хІора левихо Делан четарца доьзна долу гІуллакх дан хІотта веза. 25Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гІуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу. 26Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гІуллакх тІехь шайн вежаршна гІо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча – цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гІуллакхе хьаьжжина».

 

9

 

ШозлагІа Пасахь

 

1Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгІачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цІе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 2«Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. 3Цу беттан дейтталгІачу дийнахь, суьйранна, оцу гІуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тІедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». 4Мусас Исраилан халкъе дІахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. 5Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тІедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша.
6Царна юкъахь адамийн докъех куьг Іоттадаларца Везачу Элана гергахь бехделла адамаш а дара. Церан бакъо яцара цу дийнахь Пасахьан дезде даздан. Уьш цу дийнахь Мусана а, АхІаронна а тІебаьхкира. 7Оцу наха Мусага элира: «Адамийн докъех куьг Іоттарна боьха ду тхо Везачу Элана гергахь. ХІунда яц те тхан а бакъо исраилхошца цхьаьна билгалъяьккхинчу хенахь Везачу Элана лерина сагІа даккха?»
8Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хІун олу ладугІу аса».
9Везачу Эло Мусага элира: 10«Исраилхошка иштта дІаала: „Нагахь шух я шун тІаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Іоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. 11Иштта болчара а шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гІуллакх. СагІина беана Іахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара. 12Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, цуьнан даьІахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тІедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гІуллакх. 13Ткъа ша цІена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дІавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагІа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву.
14Шуна юкъахь Іаш тІевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гІуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тІедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тІевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».

 

Некъ гойтуш йолу марха

 

(Арадаккхар 40:34-38)

 

15Делан четар дІахІоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тІе марха хІоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тІехула йолу марха цІе санна гуш яра. 16Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тІехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цІе санна хуьлура. 17Четарна тІера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дІахІоттабора. 18Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тІехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. 19Нагахь марха четарна тІехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидІа новкъа ца бовлура. 20Наггахь и марха четарна тІехь сецна кІеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кІезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. 21Наггахь, сарахь тІе а хІуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Іуьйре тІееача, марха хьалаайалора, тІаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. 22Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. 23Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тІедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.

 

10

 

Дато турбанаш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а. 3И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ. 4Цхьа турба лекхча, исраилхойн хІора эзар стагана тІе хІиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах. 5Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хІоттийна исраилхой гІовтта беза. 6ШолгІа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дІанисбелларш гІовтта беза[5]. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза. 7Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш. 8И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхІаронан кІентий бу. И гІуллакх царна а, церан тІаьхьенашна а гуттаренна а тІедиллина хир ду. 9Шайн махкана тІелеттачу мостагІчунна дуьхьал тІамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТІаккха шайн Везачу Далла дагадогІур ду шу, Цо шу мостагІех кІелхьардохур ду. 10Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».

 

Исраилхойн новкъа бахар

 

11Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгІачу шеран, шолгІачу беттан ткъолгІачу дийнахь тоьшаллин четарна тІера марха хьалаайаелира. 12Синай цІе йолчу яьссачу арара дІабахара исраилхой. ДІайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.
13Мусагахула Везачу Эло тІедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой. 14Хьалха ЯхІудан тІаьхьенах болчу наха айира байракх, тІеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тІехь куьйгалла деш Іамминадабан кІант Нахьшон вара. 15Иссарханан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш ЦуІаран кІант Натунаил вара. 16Забулан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш Хьелонан кІант Элиаб вара.
17Делан четар, вовшах а даьккхина, дІадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГІиршанан а, Мерарин а тІаьхьенех болчу наха дІадаьхьира иза.
18Раабанан тІаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тІехь куьйгалла деш вара Шидауран кІант Элицур. 19ШимІин тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кІант Шелумиал. 20Гадин тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара ДаІуалан кІант Элъясайп.
21Царал тІаьхьа КхахІатан тІаьхьенах болу нах дІабахара. Делан четарна кІел хІоттош долу дерриг а деза хІума дара цара шайца дІахьош. Уьш керла меттамотт болчу дІакхачале, четар цигахь дІахІоттийнера.
22Эпрайман тІаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тІеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ІамихІудан кІант Эли-ШамаІ вара церан куьйгаллехь. 23Маннашан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш вара Падацуран кІант Гамлиал. 24Царал тІаьхьа богІучу Бен-Яманан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара ГидІонин кІант Авдани.
25Байракх а айина, уггаре а тІаьхьа арабевлларш Данан тІаьхьенах болу нах бара. Царна тІехь куьйгалла деш вара Іами-Шидин кІант АхьиІазар. 26Ашаран тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара Іухранан кІант ПагІиал. 27Напталан тІаьхьенах болчу нахана тІехь куьйгалла деш вара Іайнанан кІант АхьираІ. 28Иштта дІахІоьттинчу кепаца дІабоьлхура исраилхой тІеман хьесапехь йолчу тобанашца.
29Шен стунден маданхочун РаІалан кІанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хІунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».
30Амма Хьабаба элира: «Со ца вогІу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тІе дІагІур ву со».
31ТІаккха Мусас дехар дира: «Тхо дІа ма тасахьа, хьуна дика евза хІара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара. 32Хьо тхоьца вагІахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».

 

Исраилхой новкъа бовлар

 

33Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дІабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тІорказ, хьалха а даьккхина, дІахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама. 34Дийнахь уьш дІабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тІехула.
35Шаьш тІорказ новкъа доккхуш, Мусас олура:
«ГІаттахьа, Веза Эла!
ХІаллакьхуьлда Хьан мостагІий,
Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»
36Ткъа шаьш садаІа севцча, деза тІорказ цара дІахІоттош, Мусас олура:
«Юхаверзахьа, Веза Эла,
эзарнаш исраилхошна тІе!»

 

 

11

 

Везачу Элера йолу цІе латар

 

1Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгІазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цІе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цІеро. 2Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доІа а дина, цІе дІаяйра. 3Цу меттигах ТабІера элира (иза «цІе латар» бохучух тера ду), хІунда аьлча Везачу Элан цІе летира халкъана юкъахь цигахь.

 

Кхузткъе итт тхьамда

 

4Исраилхошца болу тІебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хІиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду? 5Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чІара дагабогІу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха. 6ХІинца тхо холчохь ду, „ман“ цІе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хІума яц».
7(Ораматан хІу санна а йолуш, тІехьаьжна сегІазах тера яра и «ман». 8Наха, арахула дІабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка[6] чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам. 9Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тІе «ман».)
10Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чІогІа оьгІазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара. 11ТІаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хІунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хІунда вац те? ХІокху халкъан берриг а бала суна тІе хІунда билли Ахьа? 12Ас кийрахь лелийна хІара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дІахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тІе“? 13Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха. 14Соьга цхьаьнга дІа ца кхехьало хІара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна. 15ХІара гІуллакх Ахь суна тІедуьллуш хилча, вей, дІаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТІаккха бала хьега дезар дац сан».
16Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тІехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тІе схьавалаве. Хьайца цигахь дІахІиттабе уьш. 17Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дІакхехьийта. 18Халкъе дІаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цІена хила, хІунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Іаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг. 19Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Іийр дац, 20амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерІуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хІунда даьхна?’ – бохуш, делхарна а“».
21Мусас элира: «Ялх бІе эзар гІашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“ 22Дерриг а уьстагІий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хІорда чуьра берриг а чІара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?»
23Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хІун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу».
24Мусас, ара а ваьлла, халкъе дІахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дІахІиттийра цо. 25Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира.
26Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цІераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогІуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тІе а доьссинера Деза Са. ТІаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь. 27Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву».
28И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гІо деш волчу Нунин кІанта ЮшаІа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!»
29Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». 30Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дІавахара Муса.

 

Лекъарчий а, ун а

 

31Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хІорд болчу агІорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тІехула локхаллина шина даларан барамехь догІу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира[7]. 32Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгІачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кІезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш. 33Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгІазалла йоьссира халкъана тІе. Цо хала ун кхетийтира нахана. 34Цу меттиган цІе Кхиброт-ХІатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хІунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь. 35Кхиброт-ХІатаъвуера Хьацерут олучу метте дІабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.

 

12

 

Маремана таІзар дар

 

1Марема а, АхІарона а Мусана тІехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хІунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера. 2Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дІахезира. 3(Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кІезиг хетара.)
4Везачу Эло цІеххьана Мусага а, АхІароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира. 5Веза Эла, мархин бІогІамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дІахІоьттира. Цо АхІароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тІебахара. 6Везачу Эло элира:
«ЛадогІа Сан дешнашка!
Нагахь санна шун пайхамарш белахьара,
Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара,
я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.
7Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу.
Сан дерриге а халкъана тІехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
8Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до,
хІетал-металш а ца далош.
Цунна Везачу Элан васт а го.
Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тІехтохам бан?»
9Веза Эла, царна чІогІа дар а велла, дІавахара. 10Четарна тІехула марха хьалаайаелча, Мареман дегІ ло санна кІайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхІарон, юха а вирзина, Мареме дІахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! 11ТІаккха АхІарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтІера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хІума а дина, къа латорна! 12Ма йисийтахьа иза, ахдегІ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»
13Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш.
14Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхІ дийнахь юьхьІаьржачу хІоьттина Іан ца дезара цуьнан? ХІинца ворхІ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тІаьхьа иза юхаерзо мегар ду». 15Марема меттаматтана арахьа ворхІ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира

 

 

13

 

1Цул тІаьхьа, Хьацерут цІе йолчу меттигера ара а даьлла, халкъ Паран цІе йолчу яьссачу арахь сецира.

 

Латта талла бахийтина нах

 

(Карлабаьккхинарг 1:19-33)

 

2Везачу Эло Мусага элира: 3«Аса исраилхошна луш долу канаІанхойн латта талла шайна юкъара нах бахийта. Шайн дайн тІаьхьенах долчу хІора тайпанах цхьацца куьйгалхо вахийта». 4Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, шаьш Паран цІе йолчу яьссачу арахь долуш Мусас нах бахийтира цу лаьтте хьовса. Уьш берриш а исраилхошна юкъахь коьртанаш бара. 5Церан цІераш хІорш яра:
Раабанан тІаьхьенах волу Закхуран кІант ШамуІ,
6ШимІин тІаьхьенах волу Хьорин кІант Шапти,
7ЯхІудан тІаьхьенах волу Епунин кІант Килаб,
8Иссарханан тІаьхьенах волу Юсупан кІант ИгІал,
9Эпрайман тІаьхьенах волу Нунин кІант ХІушаІ,
10Бен-Яманан тІаьхьенах волу Рапун кІант Палти,
11Забулан тІаьхьенах волу Содин кІант Гадиал,
12Маннашан тІаьхьенах волчу Юсупан тайпанах волу Сосин кІант Гади,
13Данан тІаьхьенах волу Гималин кІант Іамиал,
14Ашаран тІаьхьенах волу Микаалан кІант Сатур,
15Напталан тІаьхьенах волу Вопсин кІант Нахьби,
16Гадин тІаьхьенах волу Макин кІант Гауал.
17Иштта яра Мусас латта талла хьажийначу нехан цІераш. Нунин кІантана ХІушаІана, ЮшаІ аьлла, цІе тиллира Мусас.
18Шаьш Паран-яьссачу арахь долуш, дІахьажийра Мусас и нах канаІанхойн латта муха ду хьажа. Мусас цаьрга элира: «НегІаб-яьссачу аренгахула а гІой, лаьмнаш тІе довла. 19Цигара латта муха ду а хьовса, цу тІехь дехаш долу халкъ муха ду а талла: иза ницкъ болуш ду я дац, дукха ду я кІезиг ду? 20И халкъ дехаш болу мохк муха бу а хьовса: иза хаза бу те я декъаза бу те? Церан гІаланаш муха ю а хьовса. Халкъ четарш чохь Іаш ду я дика чІагІйинчу гІаланаш чохь дехаш ду талла. 21Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гІерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.)
22Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. 23Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах[8] йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. 24Уьш Ашкул цІе йолчу тогІи чу баьхкира. Цигахь, дІаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тІера кемсийн хорха тІехь йолу га хадийра цара. И га гІуркхана тІе дихкира, ткъа гІуркх шина стага хьалаайина дІабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара. 25Оцу меттигна Ашкул[9] цІе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш.
26Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дІадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. 27Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхІаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тІебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамІ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. 28Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дІахьажийначу лаьтта тІе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хІорш бу цу махкара беана стоьмаш. 29Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гІаланаш чІагІйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Іаьнакхахой а гира цигахь. 30НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Іамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хІордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаІанхой».
31Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хІунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».
32Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хІунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» 33Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. 34Цигахь тхуна гира Іаьнакхан тІаьхьенах схьабевлла болу даккхий догІмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цІоз долуш санна хетара тхуна, церан бІаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна».

 

14

 

Исраилхойн резацахилар

 

1Массара а гІовгІанаш ехира, буьйса дІаяллалц доьлхуш Іийра халкъ. 2Мусана а, АхІаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! 3Везачу Эло тІамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагІашна кхочур ду. Мисара юхадахча гІолехь дацара вайна?» 4Уьш шайна юкъахь барт бан хІиттира: «Ваьшна тІехь хьаькам а хІоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш.
5Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхІарон а. 6Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. 7Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чІогІа хаза ду. 8Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. 9Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Іачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
10ТІаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТІулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тІе берриг а исраилхошна хьалха.

 

Мусас халкъах дехар дар

 

11Везачу Эло Мусага элира: «ХІара халкъ мел Іийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Іийр ду иза? 12Лен ун а кхетийтина, хІаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цІийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду».
13Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хІара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза, 14тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. 15Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хІаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: 16„Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тІе а ца дигаделла, яьссачу арахь хІаллакдина и халкъ“, – аьлла. 17Ткъа хІинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла: 18„Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. 19Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».
20Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. 21Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, 22Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгІначу нахана, 23Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. 24Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. 25Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦІечу хІорда тІе, дІагІо».

 

Резацахиларна дина таІзар

 

26Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 27«Деха Іийр дуй хІара оьгІазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. 28ДІаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. 29ХІокху яьссачу арахь оьгур ду шун догІмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тІехдевлларш, Суна луьйш хилларш, 30Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тІе шу кхочур дац, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург. 31Аш мостагІашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тІе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тІехь уьш дехар ду. 32Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. 33Шун кІентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дІадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. 34Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТІаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хІун ду. 35Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“».
36Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш. 37И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира. 38Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кІант ЮшаІІий, Епунин кІант Килаббий бен, дийна ца висира.

 

Лур ду аьлла долу латта дола даккха гІортар

 

(Карлабаьккхинарг 1:41-46)

 

39Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чІогІа гІайгІане дахана дара. 40Іуьйранна, хьалххе хьала а гІевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гІалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чІогІа дохко а девлла. ХІинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дІагІур ду тхо».
41Амма Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллиначуьнга ла хІунда ца дугІу аша? ХІара аша деш дерг эрна ду. 42Ма гІо цига, шаьш мостагІашка хІаллак ма дайта, хІунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. 43Іамалекхахой а, канаІанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хІунда аьлча шу Везачу Элах дІадирзина, Иза шуьца хир вац».
44Амма, цуьнга ла а ца доьгІна, лам тІе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тІорказ а. 45Цу лаьмнашкахь Іаш болчу Іамалекхахоша а, канаІанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цІе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.

 

15

 

СагІанаш дахаран бакъонаш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Іийр долчу а лаьтта тІе шу дахача, 3аша цІера тІехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагІанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагІа даккха тарло, шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 4Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан[10] доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама. 5Дийнаташ дагоран я бертан сагІа доккхучу хенахь хІора Іахарца цхьаьна хІинан бараман доьалгІа дакъа чагІар кечде, чагІаран сагІина лерина. 6Ткъа шаьш сагІина лерина ка балочу хенахь, кІен сагІина ялхитта кад кІен дама а, цунах эдай, хІинан кхоалгІа дакъа долу зайтдаьтта а да, 7иштта хІинан кхоалгІа дакъа долу чагІаран сагІа а да. Оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. 8Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, 9оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. 10Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
11Иза делаш хІоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагІина сту а, ка а, Іахар я буьхьиг ялочу хенахь. 12Иштта сагІанаш тІетоха деза аша хІора дийнатна, церан терахье хьаьжжина. 13Иштта гІуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хІораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цІера тІехь доккху сагІа доккхучу хенахь. 14Нагахь шуна юкъахь вехаш тІевеана цхьаъ велахь, – кІезиг ханна я ехачу ханна иза делахь, – ткъа Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йохуьйту цІера тІехь даьккхина сагІа даккха цунна лаахь, цо а дан деза аша дийрриг. 15Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тІевеана Іаш волчунна а цхьатерра тІедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тІаьхьенна а тІедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тІебаьхкинарш а – цхьаъ ду. 16Цхьатерра товрат-хьехамаш а, тІедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тІевеанчунна а тІедехкина“».
17Везачу Эло Мусага элира: 18«Исраилан халкъе иштта дІаала: „Аса шаьш дІадуьгучу махка шу чудевлча, 19цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагІина дІало. 20Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагІина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгІат хир ду Везачу Элана. 21Иза гуттара а дан дезаш долу хІума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагІина дІало аша а, шун тІаьхьенаша а.
22Ткъа нагахь, ларамаза гІалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, – 23уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тІаьхьенашна тІекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хІун дан дезар ду? 24Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагІина цхьа старгІа а, тІедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догІу кІен а, чагІаран а сагІанаш даха деза. Иштта къинан сагІина лерина цхьа бож а ян еза 25Дерриге а Исраилан халкъана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза. ТІаккха халкъана гечдийр ду, и гІалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гІалатана цо Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа а, къинан сагІа а даьккхина дела а. 26Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Іаш болчу тІебаьхкинчу нахана а, и гІалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.
27Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагІина шо кхаьчна йолу газа ян еза. 28Цуьнан къинош дІадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду. 29Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тІебаьхкина Іаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гІалат а бевлла, къа латадахь.
30Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву, 31хІунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дІа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“».

 

Шоьтан садаІа де ца лардинарг

 

32Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоІучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира. 33Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхІаронна а, дерриге а халкъана а тІевалийра иза. 34И стаг набахти чохь сацийра, цунна хІун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш. 35Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тІе тІулгаш кхиссийта». 36Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тІе тІулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тІаккха иза велира.

 

Чечакхах лаьцна бакъонаш

 

37Везачу Эло Мусага элира: 38«Исраилан халкъе дІахьедар де, цара шайн тІеюхучу хІуманийн маьІигашна тІехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьІигашна тІехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тІекхуьучу тІаьхьенаша а. 39И чечакхаш шуна дІагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дІадерзош болчу шайн дегнийн а, бІаьргийн а лаамашна тІаьхьа шу ца хІиттийтархьама а. 40Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дІакъастийна хилийтархьама а. 41Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».

 

16

 

Кхорахь а, Датан а, Абирам а карзахвалар

 

1Левин тІаьхьенах волчу КхахІатан кІентан Ицхьаран кІант Кхорахь а, Раабанан тІаьхьенах волчу Элиабан кІентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатІан кІант Ана а 2Мусана дуьхьалвелира. Цаьрца цхьаьна ши бІе шовзткъе итт цІеяхана волу а, халкъан баьчча волу а, гуламехь хаьржина волу а исраилхо хилла. 3Цара, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал гулам а гулбина, элира: «Тоьар ду шуна: дерриг а халкъ ду даздина, цунна юкъахь Веза Эла а ву! Ткъа шуна хІунда хета те шаьш Везачу Элан халкъал а лакхара?»
4Шена и дІахезча, Муса бертал охьавуьйжира. 5ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. 6Амма хІара гІуллакх де Кхорахьа а, цуьнца мел волчо а. Богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш шайн кара схьаэца. 7Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цІе а латаяй, хаза хьожа йогІу сегІаз цу чу дилла. ТІаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!»
8Кхорахье Мусас элира: «ЛадогІа соьга, левихой! 9Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дІа а къастийна, Шена тІеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гІуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гІуллакх дайтархьама а. Иза кІезиг хета те шуна? 10Цо хьо а, хьоьца цхьаьна Левин кІентий болу хьан берриге вежарий а Шена тІеозийна, ткъа хІинца динан дайн дарже кхача гІерташ ма ду шу! 11Иштта, хьо а, хьан дерриге халкъ а, схьа а гулделла, Везачу Элана дуьхьал ма даьлла. Ткъа АхІарон мила ву, аша цунна яппарш ян?»
12Элиабан кІентий Датанний, Абираммий шена тІебалабе аьлла, нах бахийтира Мусас. Амма цара элира: «Хьуна тІе догІур дац тхо! 13Яьссачу арахь хІаллакдархьама, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу махкара айхьа тхо арадахар кІезиг хета те хьуна? Тхуна тІехь олалла дан а лаьа хьуна? 14Тхо шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе ца далийна ахь, иштта тхан дола аренаш а, кемсийн бошмаш а ца яьхна ахь. Кху нехан бІаьрса дайа воллу хьо? Ца догІу тхо хьуна тІе!»
15Муса чІогІа оьгІазвахара. Цо Везачу Эле элира: «Цара Хьайна сагІина лерина дахьачу хІумане дІа ма хьажахь. Аса-х цаьргара цхьаьнггара а вир а схьа ца яьккхинера, царах цхьанна а зулам а ца динера».
16Мусас Кхорахье элира: «Кхана хьо а, хьан нах а Везачу Элана хьалха дІахІитталаш. Хьо а, уьш а, АхІарон а. 17Аша хІораммо а, богуш болу кІора дІасабахьа шен-шен ной схьа а эций, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а тасий, уьш Везачу Элана хьалха дІахІиттаелаш – ши бІе шовзткъе итт ной. Ахьа а, АхІарона а шайн нойш Везачу Элана хьалха дІахІитто еза». 18ХІораммо а богуш болу кІора дІасабахьа шен-шен ной схьа а эцна, цу чу алу а йиллина, хаза хьожа йогІу сегІаз чу тесира. Гуламан четар чу волучохь дІахІиттира уьш Мусаца а, АхІаронца а цхьаьна. 19Кхорахьа шен нах, схьа а гулбина, гуламан четарна чуволучохь, царна дуьххьал дІахІиттийча, дерриге а халкъана Везачу Элан сийлалла гучуелира. 20Мусага а, АхІароне а Везачу Эло элира: 21«Шу оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар тохале Соьга уьш хІаллакбайтархьама».
22Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегІана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгІазгІур ву те?»
23Везачу Эло Мусага элира: 24«Халкъе дІаала: „Кхорахь, Датан, Абирам вехачу хІусамашна гонах йолчу меттера дІадовла“».
25Муса, хьала а гІаьттина, Датанна а, Абирамна а тІевахара, цунна тІаьххье исраилхойн къаной а бахара. 26Халкъе Мусас элира: «ХІокху зуламечу нехан четаршна юххера дІа а довла, церан долахь йолчу цхьана а хІуманах хьакха а ма ло, шаьш а церан дерриге а къинош бахьана долуш ца далийтархьама». 27Уьш Кхорахьан, Датанан, Абираман четаршна гонах йолчу меттера дІабевлира.
Ткъа Датан а, Абирам а шайн зударшца, кІенташца, кегийчу берашца, ара а бевлла, шайн четаршна чуволлучохь лаьтташ бара. 28Мусас элира: «ХІинца хІокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гІуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: 29нагахь санна церан массо а адамийн санна балар нислахь, церан кхоллам кхидолчу адамийн санна хилахь, со Везачу Эло ваийтина вац-кх. 30Ткъа нагахь санна Везачу Эло цхьа керла хІума дахь, нагахь лаьтто, бага дІа а гІаттийна, уьш а, церан долахь мел долу хІума дІа а кхаллахь, нагахь уьш дийна боллушехь эхарте а гІахь, тІаккха хаалаш, оцу нахана Веза Эла дола хетийла».
31Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. 32Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. 33Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. 34Царна гонах хилла болу исраилхой, хІокхара маьхьарий хьаькхча, дІабевдира. Кхайкха а кхойкхуш, цара доьхура: «Тхо а лаьтто дІа ма кхоллийла!» – бохуш.
35Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг.

 

Богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш

 

36Везачу Эло Мусага элира: 37«Динан да волчу АхІаронан кІанте ЭлиІазаре дІаала: „Багийначу нехан карахь хилла йолу нойш схьагулъе, хІунда аьлча и нойш язйина ю. Царна чуьра богуш болу кІоранаш кхиссий дІабахийта. 38Шаьш латийначу къинна мах баларца беллачийн нойх лаьцна аьлча, уьш йоха а яй, шар а яй, царах йина юткъа экъанаш сагІа доккхучу кхерчана тІелаца, хІунда аьлча и нойш Везачу Элана хьалха еана яра, цундела уьш язйинера. Уьш Исраилан халкъана билгалонна хир ю“». 39Багийначу наха еана йолу и цІестан нойш динан дас ЭлиІазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тІейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама, 40Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхІаронан хІух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу сегІаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама.

 

АхІарона халкъехьа гІо даккхар

 

41ШолгІачу дийнахь дерриге а Исраилан халкъ Мусана а, АхІаронна а реза доцуш дІахІоьттира. Цара бохура: «Аша хІаллакдина Везачу Элан халкъ». 42Мусана а, АхІаронна а дуьхьалдаьлла долу дерриге а халкъ гулделлачу хенахь, уьш гуламан четар долчу агІор дІабирзича, царна гира четарна тІехула дІахІоьттина марха. Везачу Элан олаллин нур гучуделира. 43Муса а, АхІарон а гуламан четарна нийсса хьалха агІор тІевахара. 44Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 45«ДІа а хилий, оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар а тохале Соьга иза хІаллакдайтархьама».
Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира. 46Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». 47Шега Мусас ма-аллара, ной схьа а эцна, халкъана юкъа ведира АхІарон. Ткъа халкъана юкъахь цамгаран ун доладелира. Хаза хьожа йогІу сегІаз а дагош, царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдора АхІарона. 48АхІарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дІахІоьттира – цамгаран ун сецира. 49Кхорахьа динарг бахьана долуш белларш боцурш, цамгаран ун бахьана долуш велларг верриг а вейтта эзар ворхІ бІе стаг вара. 50Цамгаран ун сецначул тІаьхьа АхІарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тІе юхавирзира.

 

17

 

АхІаронан заза даьккхина Іаса

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъе дІа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Іаса схьаэца, хІора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Іаса. Церан хІораннан цІе шен Іасанна тІе дІаязъе. 3АхІаронан цІе Левин тайпанан Іасан тІе дІаязъе. ХІора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Іаса схьаян еза. 4И Іасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тІорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте. 5Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Іасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
6Мусас Исраилан халкъе дІахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Іаса схьаеара, хІора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Іаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхІаронан Іаса а яра. 7Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Іасанаш.
8ШолгІачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхІаронан Іасано, заза а даьккхина, чІенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тІе зезагаш а даьлла, миндал олу, бІаран тайпа болу, стом беллера цо. 9Ерриге а Іасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дІагайтира Мусас. Массо а адам оцу Іасанашка хьаьжира, ткъа хІора куьйгалхочо шен Іаса дІаийцира. 10Везачу Эло Мусага элира: «АхІаронан Іаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тІорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а». 11Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.
12Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хІаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хІаллакдийр дуйла! 13Везачу Элан четарна тІе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»

 

18

 

Динан дайшна а, левихошна а тІедехкинарш

 

1Везачу Эло АхІароне элира: «Хьо а, хьан кІентий а, массо а левихой а жоьпе озор бу, Со Іаш волчу меттигна дуьхьал аша дина Іеса хІуманаш бахьанехь. Ткъа ахьа а, хьан кІенташа а жоп дала дезар ду динан дайша дечу гІуллакхна дуьхьал дечу Іесаллина. 2Иштта хьан дайн тІаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кІенташна а гІо дайтархьама. 3Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. 4Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта. 5Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама. 6Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгІат санна, уьш хьан кара дІабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх кхочушдайтархьама. 7АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву».

 

Динан дайшна кхачош долу дакъа

 

8Везачу Эло АхІароне элира: «Аса-Айса хьан кара дІаделла Суна лерина деана совгІаташ. Исраилхоша Суна яхьаш йолу массо а еза хІуманаш Аса гуттаренна а хьуна а, хьан кІенташна а шуна кхачош долу шатайпа дакъа санна дІало. 9Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. 10Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар.
11Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза.
12Иштта, уггаре а тоьлла долу дерриге а зайтдаьтта а, дерриге а керла даьккхина долу чагІар а, Суна, Везачу Элана, лерина халкъо дахьаш долу кІа а, цо дуьххьара схьагулдечу сурсатех деанарг а Аса хьуна дІало. 13Хьан хир ду Везачу Элана лерина халкъо дохьун долу, лаьтто цунна дуьххьара делла массо а сурсаташ. Хьан доьзалехь цІена мел волчун а бакъо ю иза даа.
14Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дІа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду.
15Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. 16Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тІера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догІу). 17Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагІашна а, гезаршна а тІера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дІакъастийна ю. Церан цІийн цинцаш кхерчана тІетоха, ткъа мохь цІера тІехь даьккхина сагІа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю. 18Оцу дийнатийн жижиг хьуна кхачош ду, шатайпа сагІа санна хьалаайина долчу церан накха а, аьтту гІогІ а хьуна кхачош ма-хиллара.
19Аса, Везачу Эло, хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало исраилхоша Суна сагІина лерина дахьаш долу дерриг а совгІаташ. Иза туьхана тІехь чІагІбина болу, цкъа а бохор боцу хьоьца а, хьан тІаьхьенца а Аса бина болу барт бу».
20Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со.
21Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. 22ХІинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. 23Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, 24хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“».
25Везачу Эло Мусага элира: 26«Левихошка, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана совгІат санна дІадала деза. 27Аша дІалуш долу и совгІат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду – шун хьаьттах долу кІа я шун муттдоккхургах даьккхина чагІар санна. 28Иштта, исраилхойн массо а уьтталгІачу дакъойх аша а Везачу Элана совгІат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгІат динан дега АхІароне дІадала деза аша. 29Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дІадала дезаш дерг хир ду“. 30Муса! Ахьа левихошка иштта дІаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана дІаделлачул тІаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна. 31Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза. 32Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дІалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгІаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“».

 

19

 

Далла хьалха цІандеш долу хи

 

1Мусага а, АхІароне а Везачу Эло элира: 2«Везачу Эло шуна тІедуьллуш долу товрат-хьехамна тІера парзаш хІорш ду: исраилхошка хьайна тІе хьаьрса етт балабайта. Шена тІехь цхьа а кхачамбацар я дерт доцуш, цкъа а тІе дукъ диллаза а болуш хила беза иза. 3Динан да волчу ЭлиІазаре дІало и етт. Цо, иза меттаматтана арахьа йолчу метте а бигна, шена хьалхахь цунна урс хьокхуьйтур ду. 4Динан дега ЭлиІазаре, шен пІелг цу аьттан цІий чу а Іоттийтий, цуьнан цинцаш ворхІазза гуламан четаран хьалха агІор тІе тохийта. 5ТІаккха, ЭлиІазар юххехь а волуш, и етт берриге а багабайта. Цуьнан цІока а, жижиг а, цІий а, боьхаллаш а – уьш ерриш а яго еза. 6Цул тІаьхьа динан дас, баганан дечиг а, ярийн курс а, цІен тай а схьа а эцна, и ерриг а хІума етт багочу цІерга кхосса еза. 7Шена тІера хІума а йиттина, шен дегІ хица цІан а дина, меттамотт болчу юхаверза веза динан да. Иза сарралц Далла хьалха цІена хир вац. 8И етт багош хиллачо а шена тІера хІума а юьттуш, шен дегІ хица цІандан деза. Иза а сарралц Далла хьалха цІена хир вац. 9ЦІена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цІеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цІандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагІа лоруш ду. 10Цу аттах бисина чим дІагулбинарг а цІанвала веза, шена тІера бедарш а йиттина. Сарралц Далла хьалха цІена хир вац иза. Исраилан халкъана а, цунна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарна а гуттаренна а тІедиллина ду иза.
11Адаман докъах хьакхавелларг ворхІ дийнахь Далла хьалха цІена хир вац. 12КхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь цІандаран хица тІехьарсийта деза цо. ТІаккха иза Далла хьалха цІена хир ву. Ткъа ша кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь цІан ца вайтинарг цІена хир вац. 13Докъах хьакха а велла, цІано яран Іадат кхочуш а ца деш, Везачу Элан четарна юххе ваханчу муьлххачо а иза бехдийр ду. Цу тайпана волу стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза. ЦІандаран хин цинцаш оцу стагана тІе ца тоьхна дела, иза Далла хьалха цІена хир вац, цуьнан цІена цахилар цунна тІехь дуьсур ду. 14Шен четар чохь веллачух лаьцна болу товрат-хьехам иштта бу. Нагахь санна стаг шен четар чохь дІакхалхахь, цу чохь мел верг ворхІ дийнахь боьха хир ву. 15Иштта боьха хир ю шайна тІехь негІарш чІагІдина йоцу ерриге а кхабанаш а, пхьегІаш а. 16ТІамехь вен а вийна, аренгахь Іуьллучух я Іожалла тІееанчух, я деллачу адаман даьІахкех, я кошах дІахьакхавелларг муьлхха а ворхІ дийнахь цІена хир вац.
17ЦІена цахилар дІадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тІе керла хи дотта деза. 18Ткъа цІена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Іоьттина, четар тІе а, цу чохь хиллачу пхьегІашна а, адамашна а тІе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьІахкех, я тІамехь вийначух, я ша дІакхелхинчух, я кошах дІахьакхавеллачу муьлххачунна а.
19Ша цІена волчо Далла хьалха цІена воцучунна кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхІалгІачу дийнахь цо и стаг цІанвинчул тІаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегІ цІандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цІена хир ву.
20Ткъа нагахь Далла хьалха бехвеллачу стага ша иштта цІан ца вайтахь, и стаг Исраилан халкъана юкъара дІаэккхо веза, Дела Іаш волу меттиг цо бехйина дела. ЦІанваларан хин цинцаш цунна тІе ца тохарна, иза Далла хьалха цІена вац. 21Иза шуна гуттаренна а тІедиллина ду. ЦІанваларан хин цинцаш тІетоьхначо шен тІеюху бедарш йитта еза. Муьлхха а цІанваларан хих хьакхавелларг сарралц боьха хир ву. 22Иштта верг хьакхавелла йолу ерриг хІума а боьха хир ю. Иза дІахьакхавелла волу кхин стаг а сарралц боьха хир ву».

 

Кхадешехь хилларг

 

(Арадаккхар 17:1-7)

 

20

 

1Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цІе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дІа а йоьллира. 2Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхІаронна а гонах гул а белла, 3Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! 4Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хІунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? 5ХІунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» 6Халкъ долчуьра дІа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхІарон а. Везачу Элан олаллин нур хІоьттира царна хьалха.
7Везачу Эло Мусага элира: 8«Хьайн Іаса схьа а эций, ахьа а, АхІарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тІулган тархе деха, тІаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». 9Веза Эла волчуьра, тІорказна уллора, Іаса схьаийцира Мусас, Цо шена тІе-ма-диллара.
10Мусас а, АхІарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогІа, карзахдаьлла халкъ! ХІокху тархах даккхий ас шуна хи?» 11Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.
12Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац».
13Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.

 

Эдоман паччахьо исраилхой чекх ца бовлуьйту

 

14Кхадешера Эдоман паччахьна тІе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. 15Тхан дай Мисар-махка дІабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. 16Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХІинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. 17Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тІехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тІехула а девр дац, хьан гІунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агІор а ца таьІаш, дІагІур дара тхо“».
18Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугІортахь, оха тІом бийр бу шуьца».
19Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гІур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГІаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гІуллакх а дацара кхузахь».
20Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. 21Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дІабахара исраилхой.

 

АхІаронан кхалхар

 

22Кхадешера дІа а бахана, ХІор цІе йолчу лам тІе баьхкира уьш. 23ХІор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: 24«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхІарон, кхелхина, шен дайх дІакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тІе иза кхочур вац. 25Муса, хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІант ЭлиІазар а эций, ХІор-лам тІе хьалавала. 26АхІаронна тІера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кІантана ЭлиІазарна тІеюха. Цигахь АхІарон кхелхар ву». 27Везачу Эло тІе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХІор-лам тІе бевлира уьш. 28АхІаронна тІера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиІазарна тІеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тІехь, АхІарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиІазар а лам тІера чувоьссира. 29Массарна а хиира АхІарон дІакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.

 

21

 

КанаІанхой эшор

 

1КанаІан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаІанхойн паччахьна Іародна хиира, Атарайме богІучу новкъахула исраилхой схьабогІуш буйла. Цаьрца тІаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо. 2ТІаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чІагІо йира: «Нагахь цу халкъана тІехь толам баккха тхуна Ахь гІо дахь, оха церан гІаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла. 3Исраилхойн дехар а хезна, царна гІо дира Везачу Эло. КанаІанхой а, церан гІаланаш а хІаллак а йина, цу меттигна Хьорма цІе тиллира исраилхоша (иза «хІаллакьяр» бохург ду).

 

ЦІестан лаьхьа

 

4ХІор-лома тІера ЦІечу хІорда[11] тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра. 5Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бІаьрга бан а ца беза и декъаза кхача[12]». 6Везачу Эло халкъана тІе дІаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. 7Мусана тІе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоІа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дІадахахьара алий». Мусас нахана тІера доІа дира Везачу Эле. 8Везачу Эло Мусага элира: «ЦІестан лаьхьа а бай, хьокхана тІе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». 9Мусас, цІестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тІе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.

 

Муаба-махка некъ бар

 

10Цигара дІа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой. 11Юха Обатера дІабахана, Іий-Іабарим цІе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш. 12Цу меттера а дІа а бахана, Зерад цІе йолчу тогІи чохь севцира уьш. 13Цигара дІабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тІе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догІуш дара. 14Цундела аьлла Везачу Элан тІемех лаьцна долчу тептар тІехь:
«Супа цІе йолчу арара ВахІаб-гІала а,
Арнон-хин тогІеш а,
15цу тогІийн Іар-гІалина тІейоьлхуш йолу,
Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».
16Кхузара дІа Беар цІе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гІу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гІунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна». 17ТІаккха исраилхоша йиш лекхира:
«Хих хьалаюза, гІу!
ДІаала цунах илли!
18Элаша а,
халкъан тхьамданаша а
шайн дарж гойтучу гІожмашца а,
Іасанашца а яьккхина хІара гІу».
Яьссачу арара Матана олучу метте дІабахара исраилхой. 19Матанера Нахьалиал цІе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара, 20Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогІи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цІе йолу лам бара.

 

Сихьонна а, ІовгІана а тІехь толам баккхар

 

(Карлабаьккхинарг 2:26–3:11)

 

21Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: 22«Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». 23Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. 24Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. 25Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. 26Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. 27Цундела боху илланчаша:

 

 

«Хьешбон-гІала гІо,
то а йина, чІагІйойла Сихьонан гІала!
28Сихьонан гІалара Хьешбонера схьаяьлла цІе
массанхьахула а чекхъелира.
Цо ягийра Муабин Іар-гІала,
Арнон-хина тІехулара гунаш а дагийра.
29Къа ду хьан, Муаби-мохк!
Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо!
Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти,
йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.
30Амма оха хІаллакбина эмархой,
Хьешбона тІера Дибонна тІекхаччалц церан гІаланаш йохийна,
Мейдеба-гІали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тІекхаччалц
бассийна церан мохк».
31Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. 32Мусас масех стаг вахийтира ЯІзир-гІалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гІала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.
33Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. 34Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дІалур бу. Хьешбонехь Іийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». 35Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.

 

22

 

Балакха БалиІамна тІе геланчаш бахийтар

 

1Цул тІаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гІалина дуьххьал, дІахІоттийра шайн меттамотт.
2Исраилхоша эмархошна тІехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кІантана Балакхана. 3Муабахой холчу хІиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чІогІа кхерабеллера исраилхойх. 4Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дІайоу буц санна, вайна гонах мел долу хІума дІадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кІант Балакх. 5Балакха БеІаран кІантана БалиІамна тІе шен геланчаш бахийтира, иза шена тІе схьакхайкха аьлла. БалиІам Іамавхойн махкахь[13] Эпрат-хин йистерачу Патур-гІалахь Іаш вара. Балакха иштта дІаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хІара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дІахІоттийна. 6Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неІалт кхайкхадехьа, хІунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТІаккха сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неІалт кхайкхийча, цунна тІехь неІалт лаьтта».
7Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиІамна тІебахара, пал тасарна богІу мах а хьош. Балакха шайга дІаала аьлларг дІаэлира цара БалиІаме. 8БалиІама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дІадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира.
9Дала БалиІаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хІун нах бу?» – аьлла.
10БалиІама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кІанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тІе. Цара боху: 11„Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неІалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тІехь толам а баьккхина, кху махкара иза дІаэккхо“».
12Дала БалиІаме элира: «Хьо цаьрца ма гІолахь, цу халкъана неІалт а ма кхайкхаделахь, хІунда аьлча и халкъ декъалдина ду».
13Іуьйранна, хьала а гІаьттина, Балакхан баьччанашка БалиІама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дІаван». 14Муабахойн баьччанаша, Балакхана тІе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиІам реза ца хилира тхоьца схьаван».
15ТІаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цІеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха. 16Цара, БалиІам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кІанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу. 17Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгІат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хІуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неІалт кхайкхадехьа“».
18БалиІама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. 19Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугІур ду Везачу Эло сайга кхин хІун олу».
20Цу буьйсанна Дала, БалиІамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дІакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дІаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь». 21Іуьйранна БалиІам, хьала а гІаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира.

 

БалиІаман виркхела

 

22БалиІам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тІехь новкъа воллушехь, Дела оьгІазвахара цунна, ткъа некъа тІехь Везачу Элан Малик схьахІоьттира, цунна дуьхьало ярхьама. 23БалиІаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тІера дІа а яьлла, аренга дІайирзира. Ткъа БалиІам виркхелана етта волавелира, иза некъа тІе яккха гІерташ. 24Цхьа хан яьлча, шинна а агІор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дІахІоьттира. 25Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьІна, БалиІаман ког Іаьвдира. БалиІама виркхелана юха а йиттира. 26Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дІахІоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агІор дехьаяла. 27Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тІехиъна БалиІам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиІам, дар а велла, виркхелана шен Іаса етта волавелира. 28Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиІаме элира: «Аса хІун дина хьуна? Кхузза хІунда йитти ахьа суна?»
29БалиІама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хІинццехь юьйр яра хьо!»
30Ткъа виркхело БалиІаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тІехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХІинццалц цкъа а Іедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?»
БалиІама жоп делира: «Дацара», – аьлла.
31Юха Везачу Эло БалиІаман бІаьргаш дІабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тІехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиІамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира. 32Везачу Элан Малико БалиІаме хаьттира: «ХІунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хІунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тІебоьдуш хиларна. 33Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тІера дІайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра».
34БалиІама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хІунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тІехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву».
35ТІаккха Везачу Эло БалиІаме элира: «ХІан-хІа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТІаккха Балакхан геланчашца дІавахара БалиІам.

 

Балакх, БалиІам

 

36Шена БалиІам вогІу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Іар-гІали чу. 37Шена БалиІам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тІе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хІунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгІат далалур дацара ткъа соьга?»
38«Со хІинца кхузахь ву-кх, – элира БалиІама. – Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХІунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дІаала». 39Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиІам. 40Балакха сагІина лерина масех сту а, уьстагІ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиІамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.

 

БалиІама дуьххьара бина Делера хаам

 

41ШолгІачу дийнахь Іуьйранна Балакх, шеца БалиІам а вуьгуш, Бамот-БаІал олучу гу тІе вахара. Цу меттера дІахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.

 

 

23

 

1БалиІама Балакхе элира: «Кхузахь сагІа доккху ворхІ меттиг а кечъяй, ворхІ старгІа а, ворхІ ка а балабе суна».
2Балакха кхочушдира БалиІама шега де аьлларг. Балакха а, БалиІама а сагІа доккхучу хІора меттигна тІе цхьацца старгІа а, цхьацца ка а сагІина доккхура. 3БалиІама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагІина уллохь Іе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дІаэр ду». БалиІам ерзинчу лакхенна тІе вахара. 4Цига Дела веара БалиІамна хьалха. «Аса сагІа доккху ворхІ меттиг кечйина, – элира БалиІама, – царна хІоранна тІехь цхьацца старгІа а, цхьацца ка а сагІина лерина багийна ас».
5ТІаккха Везачу Эло, Балакхе дІаала дезарг бага а диллина, БалиІаме Балакх волчу юхаверза элира. 6БалиІам юхавирзича, Балакх хІинца а дийнаташ дагоран сагІа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а.
7Делера болу хІара хаам бира БалиІама:
«Балакха со Арам-махкара схьавалийра,
муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира,
„Схьа а волий, неІалт кхайкхадехьа Якъубан тІаьхьенна,
сардам боллахьа Исраилан халкъана!“ – аьлла.
8Амма Дала неІалт ца кхайкхийнчунна
аса муха кхайкхор ду неІалт?
Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна
аса муха буллур бу сардам?
9Ломан боххьера дІахьаьжча а, го суна и халкъ,
лекхачу гунаш тІера а хьоьжу со цуьнга.
И халкъ дІакъаьстина дехаш ду,
кхечу къаьмнашна юкъа а ца догІу иза.
10Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ?
Исраилан халкъан доьалгІа дакъа а хьаьнга дагардалур дара?
Делан лаамехь волчун санна дІакхалхар хилахьара сан а!
Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»
11Балакха БалиІаме элира: «Ахьа суна дийриг хІун ду те? Аса сайн мостагІашна неІалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?»
12БалиІама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дІаала аьлларг ма-дарра дІаала ца деза ткъа аса?»

 

БалиІама шозлагІа бина Делера хаам

 

13Балакха БалиІаме элира: «Соьца кхечу метте дІаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дІа сан дуьхьа неІалт кхайкхадехьа царна». 14Балакха Пасги-лам тІехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиІам. Цигахь цо, сагІа доккху ворхІ меттиг а кечйина, цхьацца старгІа а, ка а беана, сагІа даьккхира.
15БалиІама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагІина юххехь Іе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хІуттуш».
16ТІаккха Везачу Эло, БалиІамна дуьхьал а веана, Балакхе дІаала дезарг бага а диллина, БалиІаме Балакх волчу юхаверза элира. 17БалиІам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагІина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тІевогІу БалиІам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХІун боху Везачу Эло?» 18БалиІама жоп делира:
«Балакх, хьала а гІаттий, ладогІа соьга!
ЛадогІа соьга Ципуран кІант Балакх!
19Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту.
Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу.
Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза?
Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20И халкъ декъалдар тІедиллина суна.
Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21Якъубан тІаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац,
Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац.
Церан Веза Дела цаьрца ву!
Уьш баккхийберца кхойкхуш бу,
Иза шайн Паччахь хиларна.
22Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ,
бугІанан маІашкахь болу ницкъ а болуш.
23Якъубан тІаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац,
Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац.
Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду,
Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хІума дина-кх Дала!“
24И халкъ стен лом санна дІахІутту,
шен ижу дІакхаллалц паргІат ца долу а,
ша хІаллакдинчеран цІий дІамаллалц дІа ца дуьжу а
лом санна хьалагІотту иза».
25Балакха БалиІаме элира: «Ахьа я неІалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де».
26БалиІама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»

 

БалиІама кхозлагІа бина Делера хаам

 

27ТІаккха Балакха элира БалиІаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неІалт кхайкхадайта!» 28Балакха ПаІор цІе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиІам. 29«СагІа доккху ворхІ меттиг суна кеч а яй, ворхІ старгІа а, ворхІ ка а суна кечбе», – элира БалиІама. 30Балакха кхочушдира шега БалиІама аьлларг. Цо сагІа доккхучу хІора меттигна тІехь, цхьацца старгІа а, ка а буьйш, сагІа даьккхира.

 

 

24

 

1БалиІамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2Яьссачу аренга дІахьаьжча, БалиІамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хІоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиІамна тІе. 3БалиІама хІара дешнаш элира:
«БеІаран кІанта БалиІама бина Делера хаам а,
сирла бІаьргаш болуш волчун хаам а бу хІара.
4Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хІара.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хІоттийна сурт,
лаьтта а вужий, дІабиллинчу бІаьргашца го суна.
5Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш!
Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хІусамаш!
6ТогІеш санна, дІасаяьржина уьш,
хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш!
Везачу Эло дІадоьгІна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш!
Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!
7Церан чийлакаш[14] чуьра хи лаьтта тІехъоьхур ду,
церан хІух схьабевллачарна алссам хи хир ду.
АгІаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь.
Сийлахь а хилла дІахІуттур ю церан паччахьалла!
8Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ.
БугІанан маІашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь.
Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо,
мостагІчун даьІахкаш а оту цо,
шен пхерчий а кхуьссу цунна тІе.
9Дижина Іуьллучу лоьмах тера ду и халкъ.
Хьан доккхур дара иза меттах?
Хьо декъалвийриг декъала ву,
ткъа хьуна неІалт кхайкхош волчунна неІалт кхайкхор ду!»
10ТІаккха Балакх чІогІа дарвелира БалиІамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиІаме элира: «Аса сайн мостагІашна неІалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хІинца кхозлагІа а уьш декъалбеш бу. 11Хьайн цІа дІагІо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгІаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгІатех».
12БалиІама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тІебахкийтинчу геланчашка: 13Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дІаэр дац аса!»

 

БалиІама шега Делера тІаьххьара хилла хаам дІабовзийтар

 

14«ХІинца со сайн халкъана тІе юхавоьрзу, амма хьуна дІахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». 15БалиІама хІара дешнаш дІаэлира:
«БеІаран кІанта БалиІама бина Делера хаам а,
Сирла бІаьргаш болуш волчун хаам а бу хІара.
16Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хІара,
Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хІоттийна сурт,
лаьтта а воьжна, дІабиллинчу бІаьргашца го суна.
17Суна иза го, амма иза хІинцца дац.
Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац.
Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах.
Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара.
Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю,
ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю.
18Цо Эдом-мохк а дІалоцур бу,
шен мостагІа долу СеІиран халкъ а дІалоцур ду.
Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.
19Якъубан тІаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо,
ткъа гІалара шаьш кІелхьарбевлларш хІаллакбийр бу цо».
20Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира:
«Массо а къаьмнашна юкъахь
Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду,
амма эххар а иза дакъазадер ду!»
21Цул тІаьхьа кхенахой гира БалиІамна, цо иштта дешнаш элира:
«Шу Іаш долу меттиг онда дІахІоттийна.
Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.
22Делахь а шу, кхенахой, дІадохур ду,
Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»
23Цул тІаьхьа БалиІама иштта дешнаш элира:
«ЭхІ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?
24Хитам-гІайре йолчуьра хІордкеманаш догІур ду.
Цара толам боккхур бу Ашуран а, Іебаран а халкъашна тІехь,
амма уьш шаьш а хІаллакьхир бу!»
25БалиІам, хьала а гІаьттина, шен цІа дІавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дІавахара.

 

25

 

Исраилхоша Шитим-меттехь цІушна Іамалъяр

 

1Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. 2Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. 3Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. 4Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дІа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТІаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дІадоккхур ду». 5Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хІораммо а шайна юкъара БаІал-ПаІор-цІунна Іамал ян буьйлабелларш байа».
6Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. 7Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. 8Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. 9Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара.
10Везачу Эло Мусага элира: 11«Динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дІаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хІаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. 12Цундела ахьа Пайнехьасе дІахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. 13Цуьнга а, цуьнан ерриге тІаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хІунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дІа а дохуьйтуш».
14Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимІин тІаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кІант Зимари вара иза. 15Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цІе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоІ яра.
16Везачу Эло Мусага элира: 17«Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа, 18хІунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаІор олучу меттехь хиллачу гІуллакха тІехь а, маданхойн баьччанан йоІ йолчу Кузабица доьзна долчу гІуллакха тІехь а. ПаІорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Іоьттина, йийнера».

 

26

 

Исраилан халкъ шозлагІа дагардар

 

1Ун кхеттачул тІаьхьа Мусага а, динан ден АхІаронан кІант волчу ЭлиІазаре а Везачу Эло элира: 2«Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гІуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хІора боьршачу стеган цІе дІаязъе». 3Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиІазара а халкъе элира: 4«Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хІора боьрша стаг дІаязве».
Мисар-махкара арабевлла исраилхой хІорш бара:
5Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой, 6Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой. 7Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг вара (43730).
8Палун кІант вара Элиаб. 9Элиабан кхо кІант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхІаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тІаьхьахІиттинчарна юкъабогІура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь. 10Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дІакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тІаьхьахІоьттина халкъ а делира, и ши бІе шовзткъе итт стаг цІеро вагийча. Исраилан халкъана дІахьедаран билгало хилира царах. 11Ткъа Кхорахьан тІаьхье дийна йисира.
12ШимІин тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой. 13Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой. 14Иштта дара ШимІин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бІе стаг вара (22200).
15Гадин тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой, 16Озних – ознихой, Іерах – Іерихой, 17Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой. 18Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бІе стаг хилира (40500).
19Іаьр а, Онан а ЯхІудан кІентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаІан-махкахь дІакхелхинера. 20ЯхІудан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тІаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой. 21Парасан тІаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой. 22Иштта дара ЯхІудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бІе стаг хилира (76500).
23Иссарханан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаІах бевллера товлаІхой, Пувех – пувахой, 24Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой. 25Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бІе стаг хилира (64300).
26Забулан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой. 27Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бІе стаг хилира (60500).
28Юсупан тІаьхьенан гаранаш цуьнан ши кІант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.
29Маннашан тІаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кІант хилла ГалІад. ГалІадах бевллера галІадхой. 30ГалІадан тІаьхье иштта хилла: ЙиІазарх бевллера йиІазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой, 31Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой, 32ШамидаІах – шамидаІхой, Хьепарах – хьепархой. 33Хьепаран кІант волчу Цалпихьадан кІентий бацара, йоІарий бен. Цалпихьадан йоІарийн цІераш хІорш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. 34Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхІ бІе стаг вара (52700).
35Эпрайман тІаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой. 36Шутлахьин тІаьхье иштта яра: Іаьранах бевллера Іаьранхой. 37Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бІе стаг вара (32500).
Иза яра Юсупан ерриге а тІаьхье цуьнан гаранашца.
38Бен-Яманан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаІах бевллера булаІхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой, 39Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой. 40БулаІан кІентий бара: Арди, НаІаман. Ардих бевллера ардихой, НаІаманах – наІаманхой. 41Иштта дара Бен-Яманан тІаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бІе стаг вара (45600).
42Данан тІаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара. 43Шухьаман тІаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бІе стаг вара (64400).
44Ашаран тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериІах – бериІхой. 45БериІан тІаьхьенах бевлларш хІорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой. 46Ашаран йоІан цІе яра Серахь. 47Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе стаг вара (53400).
48Напталан тІаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой, 49Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой. 50Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бІе стаг вара (45400).
51Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бІе цхьа эзар ворхІ бІе ткъе итт стаг (601730).
52Везачу Эло Мусага элира: 53«ТІаьхьенна гуттаренна а делла латта дІасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина. 54Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хІоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта. 55Кхаж а тосуш, латта дІасадекъа. ХІора гаранна, шен тайпанан ден цІаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду. 56Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дІасадоькъур ду».
57Левихойн тІаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГІиршанах бевллера гІиршанхой, КхахІатах – кхахІатхой, Мерарих – мерарихой. 58Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахІатан хилира кІант Іамрам. 59Іамраман зудчун цІе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Іамраман а, Йохабадатан а ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. Иштта цхьа йоІ а яра церан, цу шина кІентан йиша йолу Марем. 60АхІаронан кІентий хІорш бара: Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. 61Ткъа Надаб а, АбихІу а велира, хІунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цІергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагІа. 62Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хІунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
63Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиІазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ. 64Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. 65Везачу Эло хІетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хІаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург.

 

27

 

Цалпихьадан йоІарий

 

1Хьепаран кІентан а, ГалІадан кІентан а, Макиран кІентан а, Маннашан кІентан а, Юсупан кІант волчу Цалпихьадан пхи йоІ яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. 2И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дІахІиттира. Цара элира: 3«Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тІаьхьахІиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кІентий бацара. 4Тхан ден кІентий ца хиларна, цуьнан цІе дуьнен чуьра дІаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».
5Мусас и гІуллакх Везачу Элана тІедаьхьира. 6Везачу Эло Мусага жоп делира: 7«Цалпихьадан йоІарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догІуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде. 8Ткъа Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, хІара дІахьедар де: „Нагахь цхьаннан кІант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоІана дІадала деза. 9Ткъа нагахь стеган йоІ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дІадала деза. 10Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дІадала деза цуьнан ден вежаршна. 11Ткъа нагахь санна цу стеган ден вежарий ца хиллехь, и лаьттан дакъа цуьнан гаранехь уггаре а юххера волчу гергарчу стагана дІадала деза, иза цуьнан дола а доккхуш. Веза Эла волчу Аса Мусана тІедиллина ма-хиллара, исраилхошна юкъахь долу парз хир ду иза“».

 

Мусана тІаьхьа ЮшаІ дІахІоттар

 

(Карлабаьккхинарг 31:1-8)

 

12Везачу Эло Мусага элира: «Іабарим цІе йолчу лаьмнийн регІахь болчу хІокху лома тІе а валий, цу тІера дІахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. 13Цу лаьтте дІахьаьжначул тІаьхьа, хьо дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву, хьан ваша АхІарон дІа-ма-кхеттара, 14хІунда аьлча Цин цІе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхІарона а, Аса шуьшинна тІедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цІе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
15Мусас Везачу Эле жоп делира: 16«Ва Веза Эла, муьлххачу а дегІана чохь долчу синан Дела, хІокху халкъана тІехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа, 17халкъ дІадуьгун волу а, тІом бечу хенахь нахана тІехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Іу воцу жа санна ца дисийтархьама». 18ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кІантана ЮшаІана хьайн куьйгаш тІедахка. 19Иза, динан дена ЭлиІазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дІа а хІоттавай, царна хьалха урхаллин гІуллакх дарна къобалве. 20Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтІахь хилийтархьама. 21ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». 22Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира Мусас. Динан дена ЭлиІазарна а, дерриг халкъана а хьалха дІахІоттийра цо ЮшаІ. 23ЮшаІана тІе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара.

 

ХІора дийнахь доху сагІанаш

 

(Арадаккхар 29:38-46)

 

28

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тІе а дуьллуш, ахьа иштта дІаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагІанаш дахалаш. И сагІанаш цІера тІехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“.
3Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. 4Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. 5ХІора сагІанца кІен сагІина лерина дан деза шех хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархІ кад тоьлла дама. 6Иза ду хІора дийнахь доккху дагоран сагІа, Синай-лома тІехь долийна долу. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 7Иштта дийнаташ дагоран сагІа доккхучу хенахь чагІаран сагІа а даккха деза. ХІора Іахарца цхьаьна дан деза хІинан доьалгІа дакъа долу чагІар. Иза Везачу Элана лерина сагІа ду, езачу меттехь дотта деза иза. 8Шаьш Іуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагІа, шолгІа Іахар а багош, цуьнца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цІера тІехь даьккхина сагІа“».

 

Шоьтан дийнахь доху сагІанаш

 

9«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Іахар, шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама а, цуьнца цхьаьна чагІаран сагІина лерина чагІар а. 10ХІора дийнахь доккхучу сагІина а, цуьнца догІучу чагІаран сагІина а тІетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагІа ду иза».

 

Бутт цІинлучу хенахь доху дагоран сагІанаш

 

11«ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. 12ХІора старгІица цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кІен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама. 13Иштта хІора Іахарца дан деза кІен сагІина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархІ кад тоьлла кІен дама. Иза цІера тІехь даьккхина долу дагоран сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 14ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. 15Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша».

 

Пасахьан дезачу дийнахь доху сагІанаш

 

(Іамалъяр 23:5-14)

 

16«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. 17Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхІ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. 18Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 19ЦІера тІехь даьккхина сагІа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. 20Иштта цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 21ткъа ворхІ Іахарх хІоранца бархІ кад дама. 22Къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. 23ХІора дийнахь, шаьш дохучу Іуьйренан дагоран сагІанел совдахий дахалаш хІара сагІанаш. 24Иштта кІиранан хІора дийнахь кечделаш шайх йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цІера тІехь даьхна долу а хІара кхачанан сагІанаш. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел совдахий даха и сагІанаш. 25Цул тІаьхьа ворхІалгІачу дийнахь а беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».

 

Ялта чудерзоран дезачу денна лерина доху сагІанаш

 

(Іамалъяр 23:15-22)

 

26«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кІен сагІа шаьш даьккхича, аша беза гулам дІахІоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 27Шех йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а. 28Цаьрца цхьаьнадогІу кІен сагІанаш а даха: хІора старгІица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кІен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, 29ткъа хІора Іахарца бархІ кад дама а. 30Иштта къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. 31Цу тайпана, хІора Іуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанел совдахий, да Суна уьш, церан чагІаран сагІа а доккхуш. Аша сагІина далош долу дийнаташ шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».

 

Локхучу маІийн деза де

 

(Іамалъяр 23:23-25)

 

29

 

1«ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дІахІоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маІийн деза де хир ду шуна. 2Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагІа иштта даккха: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а. Массо а и дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. 3Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 4ткъа ворхІ Іахарх хІоранца дан деза бархІ кад дама. 5Къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдайтархьама. 6Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, хІора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кІен сагІанел а, хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кІен а, чагІаран а сагІанел а сов доккхуш ду хІара сагІа. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».

 

Къинош дІадахаран дийнахь доху сагІанаш

 

(Іамалъяр 23:26-32)

 

7«Оцу ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Массо а хІуманна тІера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. 8Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогІу дийнаташ дагоран сагІа даккха: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а бай. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 9Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 10Иштта оцу хІора ворхІ Іахарца дан деза бархІ кад дама. 11Къинош дІадахаран Іадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагІанел а, хІора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кІен а, чагІаран а сагІанел сов цхьа бож къинах долу сагІа санна яккха еза аша».

 

Кхалорийн дезачу деношкахь доху сагІанаш

 

(Іамалъяр 23:33-44)

 

12«ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхІ дийнахь дазде аша. 13Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: кхойтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Іахар а. И дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. 14Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: кхойтта старгІанах хІоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хІоранца ялхитта кад дама, 15бейтта Іахарх хІоранца бархІ кад дама. 16Къинан сагІина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хІора дийнахь дохучу дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьхна дохуш долу сагІанаш.
17ШолгІачу дийнахь яло еза шийтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. 18СтаргІанашца а, койшца а, Іахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кІен а, чагІаран а сагІанаш даха, шайна тІедиллина ма-хиллара. 19Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
20КхозлагІчу дийнахь яло еза цхьайтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 21Цаьрца цхьаьна дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина долу хІума, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара. 22Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
23ДоьалгІачу дийнахь яло еза итт старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. 24Цаьрца а дан деза кІен сагІина а, чагІаран сагІина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. 25Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
26ПхоьалгІачу дийнахь яло еза исс старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 27Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. 28Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
29ЙолхалгІачу дийнахь яло еза бархІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 30Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина. 31Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
32ВорхІалгІачу дийнахь яло еза ворхІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 33Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. 34Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
35БархІалгІачу дийнахь беза гулам дІахІоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 36Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. 37Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. 38Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина, къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша.
39Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а, бертан а сагІанаш даха. Шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагІанел совдахий даха и сагІанаш».

 

 

30

 

1Везачу Эло шена тІедиллинарг дерриге а дІадийцира Мусас Исраилан халкъе.

 

Нигат дарх лаьцна

 

2Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хІара тІедуьллу: 3Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тІе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо.
4Нагахь шен ден цІахь Іаш йолчу йоІстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан ша дехкахь, 5ткъа цу йоІан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан цо дехкар дІахезча, дуьхьало а ца еш иза ІадІийча, йоІа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хІума а кхочушдан деза. 6Ткъа нагахь цу йоІан дена, и хІума дІа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоІа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хІума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоІан дас цунна дуьхьало йина дела.
7Нагахь и йоІ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тІехь доллушехь, 8ткъа цуьнан майрачо, шена и дІахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоІа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чІагІонаш а кхочушъян езаш ю. 9Ткъа нагахь маре яханчу цу йоІан майрачо, шена дІахезча, дуьхьало яхь, йоІана тІехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоІана геч а дийр ду.
10Йисина я дІакъаьстина Іаш йолчу зудчо дина нигат – шен сих цо ша йихкина муьлхха а чІагІо – кхочушъян езаш ю. 11Нагахь зудчо шен майрачун цІентІехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хІума дан ша дехкахь, 12ткъа майрачунна иза дІахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чІагІонаш а кхочушхир ю. 13Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дІахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чІагІо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хІума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду. 14Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хІума ца дан цо йина муьлхха чІагІо а тІеэца а, тІе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун. 15Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чІагІонаш а тІечІагІйо, шена дІахезча, цунах лаьцна хІумма а ца олуш, ша иза Іадйитина дела. 16Ткъа нагахь шена и дІахезча, тІаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чІагІонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву».
17Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цІахь Іаш йолчу цуьнан йоІана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тІедехкина долу парзаш.

 

31

 

Маданхошна бекхам бар

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъана тІера маданхошна бекхам бе, цул тІаьхьа хьо, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву».
3Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тІаме бахийта уьш. 4Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хІора тайпанна юкъара эзар стаг тІаме дІахьажаве».
5Иштта, хІора тайпанара эзар стаг дІа а къастийна, тІом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо. 6ХІора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиІазаран кІант Пайнехьас а тІаме дІахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дІаелира езачу меттера йолу пхьегІаш а, тІамехь локху турбанаш а. 7Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, тІамца маданхошна тІебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. 8Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаІ. БеІаран кІант БалиІам а вийра цара туьраца.
9Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хІума а шайна хІонсана дІадаьхьира цара. 10Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гІаланаш а, меттаметтанаш а цара цІе тесна ягийра. 11Шаьш схьаяьккхина ерриг хІума а, шайн хІонс а – адамашна тІера хьайбанашна тІекхаччалц йолу ерриге а хІума – схьа а эцна, 12Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, Исраилан халкъана а тІеяьхьира цара.

 

ТІемалой юхаберзар

 

13Муса а, динан да ЭлиІазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тІамера юхабирзинчу тІемалошна дуьхьалбахара. 14Муса оьгІазвахара тІамера цІа бирзинчу тІеман хьаькамашна – эзарна а, бІенна а тІехь хІиттийначу хьаькамашна. 15Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хІунда битина аша? 16БалиІаман хьехамца ПаІор цІе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дІаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хІаллакдеш ун ма даьржинера. 17Иштта, байъий, дІабаха берашна юкъара берриг кІентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а. 18Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоІарий шайна дийна бита. 19Ткъа хІинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дІа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхІ де даккха, ткъа кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а деношкахь шаьш а цІанло, шайн йийсарехь берш а цІанбалийта. 20Ерриг а бедарш йитта, тІаьрсигах а, гезарийн тІергІах а йина йолу ерриг хІума а цІанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегІаш а цІанъе».
21Динан дас ЭлиІазара тІамера схьабаьхкинчу тІемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тІедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду: 22деши а, дети а, цІаста а, эчиг а, гІели а, даш а, 23дерриг а цІергахь дахчо мегаш долу хІума, иза цІандархьама, цІерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цІанде. Иштта цІергахь догур долу хІума а хих чекхдаккха. 24Шайна тІера бедарш ворхІалгІачу дийнахь аша йитта еза. Цул тІаьхьа шу Далла хьалха цІена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».

 

ХІонс екъар

 

25Везачу Эло Мусага элира: 26«Схьаяьккхина еана хІонс ахьа а, динан дас ЭлиІазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тІера дуьйна бежанна тІекхаччалц. 27И хІонс шина декъе екъа тІамера схьабаьхкинчу тІемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь. 28ТІамехь хиллачу тІемалошкара Везачу Элана йогІучу йолана схьаэца хІора чохь са долчу пхи бІе хІуманна юкъара цхьаъ – адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагІий я гезарий уьш елахь. 29Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиІазаре дІало иза, Везачу Элана совгІатна лерина. 30Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хІора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца – адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагІий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дІало уьш». 31Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиІазара а.
32ТІемалоша тІамера еанчу хІонсах йисинарг хІара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бІе кхузткъе пхийтта эзар дийнат, 33доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат, 34кхузткъе цхьа эзар вир, 35цкъа а стагах кхетаза болчу зударех – ерриг а ткъе шийтта эзар йоІстаг. 36ТІамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогІура жимачу даьхни юкъара кхо бІе ткъе вуьрхІитта эзар пхи бІе дийнат 37(царах Везачу Элана совгІатна лерина ялх бІе кхузткъе пхийтта дийнат дара), 38доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгІатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара), 39ткъе итт эзар пхи бІе вир (царах Везачу Элана совгІатна лерина кхузткъе цхьа вир яра), 40ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгІатна лерина ткъе шийтта адам дара). 41Мусас, Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, Цунна совгІатна лерина йолу ял динан дега ЭлиІазаре дІаелира.
42ТІемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дІакъастийра Мусас. 43Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогІура: жимачу даьхних кхо бІе ткъе вуьрхІитта эзар пхи бІе дийнат а, 44Хьайба ткъе ялхитта эзар дара. 45Вир яра ткъе итт эзар пхи бІе. 46Адам ялхитта эзар дара. 47Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дІаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дІаделира.
48Эскаран тобанашна тІехІиттийна болу эзарнийн а, бІеннийн а хьаькамаш Мусана тІебаьхкира. 49Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тІемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац. 50Оха Везачу Элана сагІина лерина хІораммо а ша схьаяьккхинчух хІума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хІуманаш: зІенаш а, пхьаьрсах духку хІазарш а, пІелгах духку мухІарш а, лергах ухку чІагарш а, коча ухку хІуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дІабалархьама». 51Мусас а, динан дас ЭлиІазара а деших йина йолу ерриг а хІуманаш дІаийцира. 52Эзарнийн а, бІеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгІатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхІ бІе шовзткъе итт шекхал бара. 53ТІемалоша йоккхуш йолу хІонс хІораммо а шена йоккхура. 54Мусас а, динан дас ЭлиІазара а эзарнийн а, бІеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна.

 

Йордан-хина малхбалехьа даха ховшур долу тайпанаш

 

(Карлабаьккхинарг 3:12-22)

 

32

 

1Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯІзиран а, ГалІадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна. 2Цара, Мусана а, динан дена ЭлиІазарна а, халкъан баьччанашна а тІе а баьхкина, элира: 3«Іатрут а, Дибон а, ЯІзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиІала а, Себам а, Набу а, БаІун а гІаланаш 4тІехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду». 5Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хІара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».
6Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тІаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду? 7Везачу Эло деллачу лаьтта тІе даха дезарх дог хІунда доккху аша Исраилан халкъан? 8Аса Кхадеш-БарнаьІара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза. 9Ашкул цІе йолчу тогІи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тІе а ца бохуьйтуш. 10Цу дийнахь Веза Эла чІогІа оьгІазвахара. Цо, чІагІо а еш, элира: 11„Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хІокху халкъана гур дац Аса ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела. 12Кхеназхо волчу Епунин кІантана Килабана а, Нунин кІантана ЮшаІна а бен гур дац и латта, хІунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“. 13Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц. 14Ткъа хІинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгІазвахар чІагІдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна. 15Нагахь санна шу Везачу Элах дІадерзахь, Цо юха а дерриг а хІара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тІе бохам богІур бу». 16Цу наха, Мусана тІе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гІотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гІаланаш а йийр ю. 17Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дІагІур ду, шайн меттиге оха уьш дІабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чІагІйинчу гІаланашкахь дуьтур ду оха. 18Исраилан халкъах волчу хІора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дІалаьцначул тІаьхьа бен тхешан цІа доьрзур дац тхо. 19ХІунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агІор а, кхидІа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агІор малхбалехьа нисделча».
20Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тІаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, 21нагахь герз карахь долу шух хІорра а, Везачу Эло Шен мостагІий дІалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, 22нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хІара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. 23Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таІзар дийр ду! 24Шайн зударшна а, берашна а гІаланаш а хІиттае, шайн жашна гІотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».
25Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тІедиллинарг. 26Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалІад-махкарчу кху гІаланашкахь дуьсур ду. 27Ткъа тІаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тІом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».
28Мусас дІахьедар дира динан дега ЭлиІазаре а, Нунин кІанте ЮшаІе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. 29Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тІамана кийча волу хІорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тІаккха дІало аша ГалІад-мохк церан дола. 30Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаІан-махкахь долу лаьттан дакъош».
31Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. 32Везачу Элана хьалха тхо, тІамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агІор хир ду».
33Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. 34Гадахоша юхаметтахІиттийра иштта гІаланаш: Дибон, Іатрут, ІаруІер, 35Іатрут-Шупан, ЯІзир, ЙогІбахІа, 36Байт-Нимра, Байт-ХІаран. Царах гадахоша чІагІйина гІаланаш йира. Иштта шайн жашна гІотанаш а йира цара. 37Раабанхоша юхаметтахІиттийра Хьешбон, ЭлиІала, Кхиръятим, 38иштта Набу а, БаІал-МаІун а (тІаьхьо церан цІераш хийцинера), иштта Сибма-гІала а. Шаьш юхаметтахІиттийначу гІаланашна цІераш техкира цара. 39Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенаша, ГалІад-махка а бахана, цигара эмархой дІа а лаьхкина, иза дІалецира. 40Иштта Мусас ГалІад-мохк Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенийн дола дІабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. 41Маннашан тІаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дІалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цІе тиллира цо. 42Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гІала а, цунна гонах йолу ярташ а дІалецира. Оцу гІалина, Нобахьа аьлла, цІе тиллира цо.

 

33

 

Мисар-махкара Муаби-махка тІекхаччалц болу некъ

 

1ХІорш ю Мусан а, АхІаронан а куьйга кІел а далош, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тІаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хІиттийна меттигаш. 2Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цІераш дІаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хІорш ю:
3РаІамсас-гІалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой. 4Цу хенахь Везачу Эло хІаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дІабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.
5Цу тайпана, РаІамсасера ара а даьлла, Сакхат цІе йолчу меттигехь шайн меттамотт дІахІоттийра Исраилан халкъо.
6Сакхатара дІа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
7Атамера ара а бевлла, БаІал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХІахьират йолчу дІабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
8Пи-ХІахьиратера ара а бевлла, хІорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цІе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цІе йолчу меттигехь меттамотт дІахІоттийра цара.
9Марра цІе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
10Элимера дІа а бахана, Эрзийн-хІордана уллохь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
11Эрзийн-хІордана уллора дІа а бахана, Син цІе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дІахІоттийра цара.
12Син-яьссачу арара дІа а бевлла, Дупикха цІе йолчу меттехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
13Дупикхара дІа а бахана, Алуш цІе йолчу меттехь меттамотт дІахІоттийра цара.
14Алушера дІа а бахана, Рапидам цІе йолчу меттехь меттамотт дІахІоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.
15Рапидамера дІа а бахана, Синай-яьссачу арахь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
16Синай-яьссачу арара дІа а бевлла, Кхиброт-ХІатаъву цІе йолчу меттехь дІахІоттийра цара меттамотт.
17Кхиброт-ХІатаъвуэра дІа а бахана, Хьацерут цІе йолчу меттехь дІахІоттийра цара меттамотт.
18Хьацерутера дІа а бахана, Ритма цІе йолчу меттехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
19Ритмера дІа а бахана, Римун-Парац цІе йолчу меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
20Римун-Парацера дІа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
21Либнера дІа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
22Рисера дІа а бахана, КхахІилатехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
23КхахІилатера дІа а бахана, Шапар-лам тІехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
24Шапар-лам тІера дІа а бахана, ХІаридехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
25ХІаридера дІа а бахана, Макхи-ХІалут цІе йолчу меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
26Макхи-ХІалутера дІа а бахана, Тахьатехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
27Тахьатера дІа а бахана, ТІахьирехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
28ТІахьирера дІа а бахана, Миткъехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
29Миткъера дІа а бахана, Хьашмунехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
30Хьашмунера дІа а бахана, Мосиратехь меттамотт дІахІоттийра цара.
31Мосиратера дІа а бахана, Баней-ЯІакханехь меттамотт дІахІоттийра цара.
32Баней-ЯІакханера дІа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цІе йолчу меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
33Хьор-Хьагид-Гадера дІа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
34Ютбатера дІа а бахана, Іабрунехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
35Іабрунера дІа а бахана, Іецйон-ГІебар цІе йолчу меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
36Іецйон-ГІебарера дІа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цІе йолчу меттехь, дІахІоттийра цара.
37Кхадеш-меттера дІа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХІор-лома тІехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
38Везачу Эло шена тІедиллина ма-хиллара, динан да АхІарон ХІор-лома тІевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхІарон цигахь дІакхелхира. Иза дара пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь. 39АхІаронан цхьа бІе ткъе кхо шо дара, иза ХІор-лома тІехь дІакхелхинчу хенахь.
40КанаІан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаІанхойн паччахьна Іародана дІахезира, Исраилан халкъ схьадогІуш ду аьлла.
41ХІор-лома тІера дІа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра.
42Цалмунера дІа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
43Пунонера дІа а бахана, Обатехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
44Обатера дІа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Іий-Іабарим цІе йолчу меттехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара.
45Іий-Іабаримера дІа а бахана, Дибон-Гадехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
46Дибон-Гадера дІа а бахана, Іалмун-Диблатайм цІе йолчу меттигехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
47Іалмун-Диблатаймера дІа а бахана, Іабарим цІе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дІахІоттийра цара шайн меттамотт.
48Іабарим-лаьмнашкара дІа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дІахІоттийра цара шайн меттамотт. 49Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гІалина тІера Абал-Шитаймана тІекхаччалц йолчу меттигашкахь дІахІиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.

 

Йордан-хил дехьадалале халкъана бина хьехамаш

 

50Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь: 51«Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, иштта дІаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаІан-махка дІакхаьчча, 52цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дІалахка. Массо а церан тІулгех хедийна цІуш а, боьттина бина цІуш а, сагІа доккху гунаш а дохаделаш. 53И латта шайн дола а даккхий, цу тІехь даха охьаховша, хІунда аьлча и латта Аса шуна дІаделла, иза шун дола даккхийтархьама. 54Шайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дІадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дІадекъа и латта. 55Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дІа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бІаьргашна кІохцалан коьллаш а, шун агІонаш тІе Іиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна. 56ТІаккха Айса царна дан леринарг шуна дийр ду Аса“».

 

34

 

Везачу Эло лур бу аьллачу мехкан дозанаш

 

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, тІе а дуьллуш, иштта дІаала: „КанаІан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хІорш ду: 3къилбехьа агІор долу шун доза дІадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хІордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дІагІур ду. 4Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Іинна тІе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьІа цІе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гІала а деана, Іацмун-гІалахула чекхдер ду. 5Іацмунера иза дІагІур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе, цигара Дуьненаюккъера хІорда тІе а кхочуш.
6Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хІорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.
7Къилбаседехьа долу шун доза дІагІур ду Боккхачу хІорда тІера ХІор-ломана тІе кхаччалц. 8ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. 9Цигара Зипрун-гІалина тІекхаччалц дІагІур ду и доза, Хьацар-Іейнан-гІалина тІе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.
10Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Іейнан-гІалина тІера Шипам-гІалина тІекхаччалц. 11Шипам-гІалина тІера, Іейн-гІалина малхбалехь йолчу Рабила-гІалина тІекхочур ду и доза. Цигара дІа иза Канарот-Іоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. 12Цул тІаьхьа иза Йордан-хинехула дІагІур ду Дуьрачу хІордана тІекхаччалц.
Массо а агІор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».
13Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тІаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, 14хІунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догІуш долу лаьттан дакъош дІаэцна. 15Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гІалина дуьхьал агІор ду».

 

Латта декъа дІахІиттийна куьйгалхой

 

16Везачу Эло Мусага элира: 17«Шуна латта декъа дІахІиттийначу нехан цІераш хІорш ю: динан да ЭлиІазар а, Нунин кІант ЮшаІ а. 18ХІора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гІо дан латта декъийта. 19Церан цІераш хІорш ю:
ЯхІудан тайпанна иза Епунин кІант Килаб хир ву;
20ШимІин тайпанна – ІамихІудан кІант Шамуал;
21Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кІант Эли-Дада;
22Данан тайпанна – ЙогІлин кІант волу эла Букхай;
23Юсупан кІентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кІант Хьаниал;
24Юсупан кІентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кІант волу эла Къамуал;
25Забулан тайпанна – Парнакан кІант Эли-Цапан;
26Иссарханан тайпанна – Іазанан кІант волу эла Палтиал;
27Ашаран тайпанна – Шалумин кІант АхьъяхІуд;
28Напталан тайпанна – ІамихІудан кІант волу эла ПидІаил».
29КанаІан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дІахІиттийна берш бу уьш.

 

35

 

Левихошна дІаяла билгалъяьхна гІаланаш

 

1Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина уллохула догІучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. 3Иштта, левихойн долахь гІаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. 4ГІаланашна гонахара, аша левихошна дІадала деза дежийлаш, гІаланийн пенашна тІера дІадуьстича, массо а агІор цхьацца эзар дол хила деза. 5ГІаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дІадуста, ткъа гІаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гІаланашна гонах долу дежийлаш. 6Аша левихошна лур йолчу гІаланех ялх гІала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гІала хир ю. Оцу ялх гІаланал сов шовзткъе ши гІала дІало царна. 7Аша левихошна дІаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархІ гІала. 8Аша дІалур йолу гІаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гІаланаш сов дІаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кІезиг гІаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хІора тайпано шен долахь йолчу гІаланех цхьаерш дІаяла еза».

 

ДІалочкъийла йолу гІаланаш

 

(Карлабаьккхинарг 19:1-13;ЮшаІ 20:1-9)

 

9Везачу Эло Мусага элира: 10«Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаІан-махка чу дахча, 11оцу гІаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дІалачкъа гІаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дІавада мега. 12И гІаланаш бекхам лоьхучух дІалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама. 13Ткъа аша оцу гІуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гІала хила еза. 14Кхо гІала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаІан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гІаланаш. 15Исраилан халкъана а, тІевеанчунна а, тІе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хІорра а бекхам лоьхучух дІалачкъа цига дІавада тарло.
16Нагахь цхьаммо адам даллал чІогІа цунна тІе аьчка хІума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! 17Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тІулг а хилла, цо адам даллал чІогІа тІе тІулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 18Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хІума карахь а йолуш, стаг валлал чІогІа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 19ЧІир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву.
20Нагахь стаг валлал чІогІа цхьаммо иза дІатеттинехь я вен дагахь цунна тІе хІума кхоьссинехь, 21я нагахь, шен цхьана стагаца мостагІалла долу дела, иза валлал цунна тІе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чІир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.
22Амма нагахь цхьаммо шен мостагІалла доццушехь, цхьаъ дІататтахь я дагахь а доцуш цунна тІе цхьа хІума тІекхоссахь, 23я нагахь цу стагаца шен мостагІалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тІулг цунна тІе цо божабахь, иза вала там бу. 24ТІаккха хІокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цІий Іанорна чІир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. 25Стаг вийнарг халкъо чІир йоькхуш волчух кІелхьарваккха а веза, иза дІалечкъина хиллачу гІала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дІакхалххалц. 26Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гІалин дозанашкахула араваьллехь, 27иза чІир йоькхучунна цу гІалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чІир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тІехь цІий Іаноран бехк хир бац. 28ХІунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гІалахь Іан везаш вара, динан коьрта да дІакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дІакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду. 29ХІара тІедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тІаьхьенашна.
30Стаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. 31Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву. 32Нагахь стаг дІалочкъийла йолчу гІала дІаведдехь, динан коьрта да дІакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Іан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца. 33Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. 34Шена тІехь Со Іаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хІунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Іаш ву“».

 

36

 

ЙоІаршна кхачош долчу лаьттан дакъойх лаьцна

 

1Юсупан кІентан Маннашан кІант волчу Макиран кІентан ГалІадан тІаьхьенийн куьйгалхоша, тІе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш, 2элира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тІедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тІедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоІаршна далар. 3Нагахь санна и йоІарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гІахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дІа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дІадер ду и латта. 4Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахІитторан шо тІекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТІаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дІадер дара».
5Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тІе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тІаьхьенах долчу гарано. 6Цалпихьадан йоІаршца доьзна Везачу Эло иштта тІедуьллу: „Шайн бІаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза. 7Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хІунда аьлча исраилхойх волу хІорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза. 8Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоІ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хІоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама. 9Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хІунда аьлча Исраилан халкъан хІора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».
10Везачу Эло Мусана тІедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоІарша. 11Цалпихьадан йоІарий – Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуІат – шайн ден вежарийн кІенташка маре бахара. 12Юсупан кІентан Маннашан тІаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.
13Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тІедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.

 

 

 

Карлабаьккхинарг

Карлабаьккхина хьехам

 

Дешхьалхе

 

Исраилан халкъо яьссачу аренгахула беш болу некъ чекх а баьлла, КанаІан-махка иза чугІортале, халкъ Муаби-махкахь сецира. Цу хенахь Мусас халкъе цхьадолу дІахьедарш дора. Карлабаьккхина хьехам олучу тептар тІехь и дІахьедарш дІаяздина ду.
Тептар тІехь яздинчу уггар ларамечу гІуллакхех цхьадерш хІорш ду: 1) Чекхдаьллачу шовзткъа шарахь лараме гІуллакхаш дагадохкуьйту Мусас. Цо халкъе кхайкхам бо, Дала уьш яьссачу аренгахула муха чекхбаьхна дагадаийта а, Далла муьтІахь а, тешаме а хила а олий. 2) Итт коьрта хьехам карла а баьккхина, хьалхарчу хьехаман маьІна чІагІдира Мусас, Везачу Элана бен Іамал ма е аьлла, цаьрга кхайкхам а беш. ТІаккха Дала царна лун долчу лаьтта тІехь исраилхойн дахарехь царна Іуналла ден долу парзаш дагадохкуьйту цо. 3) Дала халкъаца бинчу бертан маьІна хІун ду дагадоуьйту Мусас. Бертан декхарш дика кхочушдаран сацам карлабаккхарна тІекхойкху цо халкъ. 4) Шен метта халкъана тІехь куьйгалла дан ЮшаІ дІахІоттаво Мусас. Цул тІаьхьа, Дела тешаме хиларх лаьцна йолу йиш а лекхна, Исраилан тайпанаш декъал а дина, Йордан-хил малхбалехьа болчу Муаби-махкахь дІакхелха Муса.
Ша хаьржина долу а, дезаш долу а халкъ Дала, кІелхьар а даьккхина, декъалдина хилар тептаран уггар коьрта ойла ю. И хІума дагадаийта а, Дела веза а, Цуьнга ладогІа а дезаш ду Делан халкъ, шен дахар хилийтархьама а, шена тІехь декъалдар дисийтархьама а.
Тептаран коьрта меттиг ю йолхалгІачу коьрта тІехь доьалгІачу аята тІера дуьйна йолхалгІачу аята тІекхаччалц. Іийсана моттарехь, уггар хьалха тІедиллина долу гІуллакх гойтуш цигахь дерш хІара дешнаш ду: «Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, берриге а ницкъаца веза».

 

1

 

Дуьххьарлера дешнаш

 

1ХІара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Іариба-тогІи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агІор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахІаб а вукху агІор яра. 2(СеІир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьІе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.) 3ШовзткъалгІачу шеран цхьайтталгІачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хІара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тІедиллинарг дара. 4Хьешбон-гІалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тІехь а, Іаштарат-гІалахь а, ЭдреІи-гІалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ІовгІина тІехь а Мусас толам баьккхинчул тІаьхьа дара иза. 5Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хІокху товрат-хьехамах кхето дІаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:
6«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хІокху ламан уллохь севцина Іан! 7Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо. 8ХІара латта Ас хІинца шуна дІалуш ду. Чу а гІортий, шайн дола даккха и латта, хІунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тІаьхьа йолчу церан тІаьхьенна а дІалур ду аьлла ваІда дина латта ду иза“».

 

Муса-пайхамаро кхелахой дІахІиттабар

 

(Арадаккхар 18:13-27)

 

9«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду. 10Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хІинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду. 11Шун дайн Везачу Дала шу хІинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара. 12Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дІакхоьхьур ду? 13Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТІаккха ас уьш, шуна тІехь хьаькамаш а бина, дІахІиттор бу“. 14Аша соьга жоп делира: „Дика гІуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла. 15Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тІехь хьаькамаш хила дІахІиттийра: эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тІехьоьжурш а бина, дІахІиттийра шун тайпанашкахь.
16Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гІуллакхашка ладогІа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тІевеанчуьнца и гІуллакх доьзна делахь. 17Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. 18Аса хІетахь шуна тІедиллира аша дан мел дезарг».

 

Кхадеш-БарнаьІара латта талла нах новкъа бохуьйту

 

(Лелар 13:1-33)

 

19«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тІе-ма-диллара дІа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тІе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьІе кхечира. 20ТІаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тІе даьхкина шу. 21Шун Везачу Дала шуна дІалуш ду хІара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дІа а гІой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.
22Амма аша массара а, суна тІе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тІегІур долчу гІаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.
23И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хІора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира. 24Уьш, дІа а бахана, лаьмнаш тІе а бевлла, Ашкул-тогІенна тІе а кхаьчна, цуьнга бІаьрг а тоьхна, дІасахьаьвсира. 25Оцу лаьтта тІера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.
26Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира. 27Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дІа а делла, хІаллакдархьама. 28Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
29Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. 30Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тІом бийр бу, Мисар-махкахь шун бІаьргашна гина ма-хиллара. 31Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. 32И дерриг а шайна гуш доллушехь, тІаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. 33Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цІарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».

 

Исраилан къомана дина таІзар

 

(Лелар 14:20-45)

 

34«ТІаккха, шун дешнаш дІахезча, Веза Дела оьгІазвахара. Цо чІагІо йира: 35„ХІокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваІда дина долу дика латта, – аьлла. – 36И латта Епунин кІант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дІалур ду, цунна а, цуьнан кІенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тІаьхьа хІоттарна“. 37Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгІазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тІе. 38Хьан гІоьнча волу Нунин кІант ЮшаІ вер ву оцу лаьтта тІе. Иза тІечІагІве, хІунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.
39Аша царах лаьцна, уьш мостагІийн хІонс хилла дІахІуьттур ду, баьхна долу а, хІинца а дика а, вон а хІун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тІе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду. 40Ткъа шу, дІа а дерзий, Эрзийн-хІордана тІе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дІагІо.
41ХІетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хІораммо а тІемалочун хуьлучу герзаца гІодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тІе довла сацам бира аша.
42Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДІаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тІе, ма бе тІом, шайн мостагІашка шаьш эша ца дайтархьама, хІунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“. 43Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тІе девлира. 44Оцу лаьмнашна тІехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеІир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тІе кхаччалц йолу меттигашкахь. 45ТІаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».

 

Яьссачу аренгахь даьхна шераш

 

46«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».

 

 

2

 

1«Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хІордехьа боьдучу новкъахула дІадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеІир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай.
2Цул тІаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира: 3„Тоьар ду шуна хІокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дІадерза. 4СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Іесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. 5Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. 6Юург яа, шайгара дети дІа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дІа а лой“.
7Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара.
8СеІирехь бехачу вайн гергара къам долчу Іесаван тІаьхьенан лаьтта юххехула тІех а девлла, Эйлатера а, Іецйон-ГІебарера а боьдучу некъах дІа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тІедоьлхура вай. 9МостагІалла ма доладелахь муабахошца, ма болабелахь цаьрца тІом, хІунда аьлча Аса оцу лаьттах зил а лур бац хьан кара. Ас ЛутІин тІаьхьенна дІаелла Іар-гІала, цаьрга дола дайта».
10(Хьалха цигахь эймимахой баьхнера. И къам нуьцкъала а, алссам а дара. Иза, турпалш болу Іаьнакхахой санна, лекха къам дара. 11Іаьнакхахой санна, уьш а репахой лорура, ткъа муабахоша царах эймимахой олуш хилла. 12СеІир-лаьмнаш тІехь хьалха заманахь хьорихой хилла бехаш. Амма Іесаван кІентий, уьш дІа а лаьхкина, шайна гучуьра дІа а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшина. Исраилхоша а изза динера Везачу Эло шайн дола деллачу лаьттах.)
13«Везачу Эло элира: „Хьала а гІовттий, Зерад-татол долчу тогІенехула чекхдовла“. ТІаккха вай чекхдевлира Зерад-татол долчу тогІенехула. 14Вай Кхадеш-БарнаьІара арадевллачу хенахь дуьйна Зерад-татол долчу тогІенехула чекхдовлучу ханна тІекхаччалц, ткъе берхІитта шо дІадаьлла. Вайн къомана юкъара тІаме дахалуш мел хилла гаранаш хІаллакьхилла, Везачу Эло царна чІагІо йина ма-хиллара. 15Везачу Элан куьг царна тІедаьхьна ма-дара, уьш хІаллак а бина, къомана юкъара Цо берриш а дІабаххалц.
16ТІаме дІаэхалуш берш, берриш а хІаллак а хилла, халкъана юкъара белла дІабевллачу хенахь, 17Везачу Эло соьга иштта элира: 18„Хьо хІинца Муаби-махкахула, Іар-гІалина уллохула, чекхволуш ву. 19Іамминхошна хьо гергакхаьчча, цаьрца мостагІалла а ма леладе, цаьрца тІом а ма бе. Ас Іамминхойн лаьттах цхьа а меттиг лур яц хьан кара. Ас и латта ЛутІин тІаьхьенна дІаделла“».
20(И латта репахойн лоруш дара, мацах цигахь репахой баьхна дела. Іамминхоша царах замзумхой олура. 21И къам нуьцкъала а, дукха а дара, уьш Іаьнакхахой санна, лекха а бара. Везачу Эло и репахой хІаллакбира Іамминхошна хьалхара. Іамминхой, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. 22СеІир-лаьмнашкахь бехаш болчу Іесаван тІаьхьенах болчеран дуьхьа Везачу Эло изза дира. Царна хьалха Цо хьорихой а хІаллакбира. Іесаван тІаьхьенах берш, уьш ара а баьхна, церан меттигашкахь баха хевшира. Таханлерчу дийнахь а уьш цигахь бехаш бу. 23Иштта Крит-гІайренера схьабевлла болу каптІархой а, Іази-гІалина тІекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Іаваймхой хІаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.)
24КхидІа Мусас элира: «Цул тІаьхьа Везачу Эло иштта элира: „ХьалагІовтта, дІа а гІой, Арнон-хих дехьадовла. ХІан, Ас хьан кара дІало эмархо волу Хьешбон-мехкан паччахь Сихьон а, цуьнан латта а. И латта хьайн кара а дерзош, тІом бе цуьнца. 25Аса тахана дуьйна шух болу кхерам а, къемат а дІасадаржор ду стигална кІел мел долчу халкъашна. Шух лаьцна дІахезнарш кхералур а бу, Іадор а бу“».

 

Сихьон-паччахьна тІехь толам баккхар

 

(Лелар 21:21-30)

 

26«Кхадимут цІе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гІалин паччахь волчу Сихьонна тІе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хІара дІаалийтархьама: 27„Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агІор дІа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дІагІур ду. 28Детих юург йохка тхуна, тІаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тІаккха бен оха иза мер дац. ГІаш бен тхо тІех а девр дац, 29тхуна СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу Іесаван тІаьхьенах болчара а, Іар-гІалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тІе тхо дІакхаччалц“.
30Амма Хьешбон-гІалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тІехула вай чекхдовлийта, хІунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чІагІдира, хІинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дІавалархьама.
31Везачу Эло соьга иштта элира: „ХІан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дІадолийна. Хьо а дІаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. 32ТІаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгІаьттира ЯхІац-гІалина уллохь хиллачу тасадаларехь. 33Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кІентий а, цуьнан мел долу халкъ а хІаллакдира. 34Оцу хенахь цуьнан ерриг а гІаланаш схьа а яьхна, царах хІорра а, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. 35ГІаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гІаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хІонс санна, дІадаьхьнера. 36Арнон-хин тогІин йистера йолчу ІаруІер-гІалара ГалІад-гІала дІакхаччалц йолу цхьа а гІала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. 37Іамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тІехь йолчу гІаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хІуманна тІе ца кхевдира вай».

 

ІовгІа-паччахьна тІехь толам баккхар

 

(Лелар 21:31-35)

 

3

 

1«Вай, цигара юха а дирзина, Башан-махка дахара. Башан-мехкан паччахь ІовгІа шен мел долчу эскарца ЭдреІи олучу меттиге дІавахара, вайна тІамца дуьхьалвалархьама. 2ТІаккха Везачу Эло соьга иштта элира: „ІовгІа-паччахьах ма кхера. Ас иза а, цуьнан эскар а, цуьнан мел долу латта а хьан кара дІадала сацам бина. Ахь цунна Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахь хиллачу Сихьонна диннарг дийр ду“.
3Вайн Везачу Дала Башан-мехкан паччахь а, цуьнан мел долу эскар а вайн кара схьаделира. Вай ІовгІа хІаллаквира, цуьнан халкъах цхьа а дийна ца вуьтуш! 4Цу хенахь Башан-махкахь йолчу АргІаб-кІоштехь цуьнан ерриге а гІаланаш вай схьаехира. Цхьа а гІала ца йисира вай схьаяккхаза: ІовгІа паччахь волчу махкахь кхузткъа гІала яра уьш. 5И ерриге а гІаланаш лекхачу пенашца, кевнашца, кевнашна боьгІначу ондачу гІорашца чІагІйина яра. Гобаьккхина пенашца чІагІъяза кхин а дуккха а гІаланаш яра цигахь. 6Вай и гІаланаш хІаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гІаланаш хІаллак ма-ярра. ХІора гІала, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. 7Ткъа массо а бежанаш а, вай схьаяьхначу гІаланашкара карадеанарг а вай хІонсана дІадаьхьира.
8Оцу хенахь эмархойн шинна а паччахьан карара Йордан-хин малхбалехьарчу Арнон-хина тІера Хьермон-ломана тІекхаччалц долу хІара латта схьадаьккхира вай. 9(ЦІаданхоша Хьермонах Сириюн олу, ткъа эмархоша Санир олу.) 10Башан-мехкан паччахь волчу ІовгІин ерриге а аре схьалецира вай: тІапломахь мел йолу гІаланаш а, берриг а ГалІад-мохк а, иштта Салха а, ЭдреІи а гІаланашна тІекхаччалц болу берриг а Башан-мохк а».
11(Башан-мехкан паччахь волу ІовгІа репахойх тІаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хІинца а Іамминхойн кІенташкахь бу Рабба-гІалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.)

 

Йордан-хина малхбалехьа даха хевшина тайпанаш

 

(Лелар 32:1-42)

 

12«ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира. 13Ткъа ГалІад-лаьмнех йисина ах а, ІовгІа паччахьан болу Башан-мехкан АргІаб-кІошт а ас Маннашан ахтайпанна дІаелира».
(Башан-махках репахойн мохк олура. 14Маннашхочо Яира берриге а АргІаб-мохк гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц дІалецира. Башан-махкана Яира шен цІе тиллира. Царах хІинца а Яиран ярташ олу.)
15«ГалІад-мохк ас Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенах болчарна дІабелира. 16Ткъа Раабанан а, Гадин а тайпанашна ГалІад-махка тІера Арнон-хина тІекхаччалц долу латта дІаделира ас. Церан къилбера доза Арнон-хина юккъехь дара, ткъа церан латта Іамминхойн дозанехь долчу Ябокх-хина тІекхаччалц дІасадаьржира. 17Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара.
18Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хІара латта шуна дІаделла шун дола даккхийта. Ткъа хІинца тІом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. 19Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дІаеллачу гІаланашкахь дита, 20Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла.
21ХІетахь ас ЮшаІе а весет дира, иштта олуш: „Хьан бІаьргашна гина вайн Везачу Дала шинна а паччахьна мел динарг. Изза дийр ду Везачу Эло хьо чекхвер волчу массо а пачхьалкхашна. 22Царах ма кхера, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша шуьгахьа тІом беш ву“».

 

Муса-пайхамарна КанаІан-махка чувалар дехкар

 

23«Оцу хенахь со иштта доІанаш деш вара Везачу Эле: 24„Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тІехь Ахь деш долу гІуллакхаш а, тамашийна хІуманаш а далуш? 25Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш.
26Амма Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгІазъоьхура. Цо ла ца дуьйгІира соьга. Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду! Кхин ма дийца Соьга цунах лаьцна! 27Пасга-ломан боххье хьалавала. ДІахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хІунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! 28ЮшаІе весет а де, иза иракара а хІоттаве, чІагІ а ве, хІунда аьлча ЮшаІа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“.
29Иштта вай севцира Байт-ПаІар-гІалина уллохь йолчу тогІи чохь».

 

4

 

Деле ладугІуш хила аьлла, халкъе Мусас кхайкхам бар

 

1«ХІинца ладогІа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тІедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тІе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама. 2Цхьа а хІума аса шуна тІедиллинчунна тІе а ма тоха, цунна тІера дІа а ма даккха. Ларде Аса шуна тІедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. 3Шун бІаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаІор-ломахь мел динарг. БаІал-ПаІорна тІаьхьа мел хІоьттинарг шун Везачу Дала, хІаллак а вина, шуна юкъара дІаваьккхина. 4Ткъа шу, шайн Везачу Делах дІакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.
5Сан Везачу Дала сайна тІедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тІедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама. 6Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“
7Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш? 8Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тІедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дІакховдош дерш санна? 9Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. 10ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“.
11Юххе а даьхкина, шу ломан кІажехь севцира. Ткъа и лам стигала дІакхаччалц цІе яьлла богура. Цигахь Іаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. 12ТІаккха Веза Эла шуьга вистхилира оцу цІерана юккъера. Цо дуьйцург шуна хезара, амма Цуьнан васт ца гора, аз бен ца хезара. 13Цо шуна Шеца беш болчу бертан тІедожораш дІакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дІа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тІулган шина экъанна тІе дІаязбира. 14ХІетахь тІедиллира суна Везачу Эло шайн дола даккха шу тІедовлучу лаьтта тІехь шайга кхочушдайта деза парзаш а, тІедехкинарш а шуна Іамор».

 

ЦІушна Іамалъярх лардала дезарх лаьцна

 

15«Веза Эла Хьариб-ломахь цІеран юккъера шайга вистхиллачу оцу дийнахь шайна цхьана а тайпана васт ца гина дела, шайн дегнашкахь дерг чІогІа ларделаш. 16Аша иза делаш шаьш ца талхадайтархьама, муьлххачу а вастехь шайна цІу а вина – стеган я зудчун вастехь, 17лаьтта тІехь дехачу дийнатан я стигалахь тІемадолучу олхазаран вастехь, 18лаьттахула текхачу дийнатан я лаьттал лахарчу хи чохь нека дечу чІеран вастехь. 19Иза делаш, стигала шаьш хьалахьаьжча, малххий, буттий, седарчий – и дерриге а стигалан ницкъаш бу – шайна гича, Іеха а делла, царна Іибадат ца дархьама а, царна гІуллакх деш ца лелархьама а, хІунда аьлча шун Везачу Дала стигал кІел мел долчу халкъашна делла и дерриге а. 20Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. 21Веза Эла шу бахьана долуш суна оьгІазваханера. Цо чІагІо йинера, со Йордан-хина дехьа а вер вац, шун Везачу Дала шун дола луш долчу оцу беркатечу лаьтта а вер вац аьлла. 22Йордан-хина дехьа а ца волуш, хІокху лаьтта тІехь лийр ву со, ткъа шу дехьа а девр ду, и токхе латта аша шайн дола а доккхур ду. 23Варелаш, ларлолаш шайн Везачу Дала шайца бина барт бицбарх а, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара, Іамал ян цхьана хІуманан вастехь цІу-деланаш шаьш барх а. 24ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву.
25Нагахь санна, шун бераш а хилла, шун берийн бераш а хилла, оцу махкахь шу дуккха а Іан дахкахь, шу, цхьаннан вастехь цІу-делан сурт а дина, талха мегара. И дарца аша шайн Везачу Далла хьалха вон дийр ду, тІаккха Иза дарлур ву. 26Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. 27Везачу Эло шу массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду. Везачу Эло шу дІалохкучу къаьмнашна юкъахь шух кІезиг бен дийна дуьсур дац. 28Аша цигахь кхечу деланашна Іибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тІулгах а, царна хІумма а ца го, хІумма а ца хеза, цаьрга хІумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогІу. 29Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. 30Хало шайна тІееача, тІаьхьо и дерриг а шайна тІенисделча, шу шайн Везачу Далла тІедоьрзур а ду, Цо бохучуьнга аша ла а дугІур ду. 31Шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ву. Цо шу дІатосур а дац, хІаллак а дийр дац, Цо шун дайшца, чІагІо а еш, Ша бина барт а бицбийр бац».

 

Исраил шатайпа халкъ хилар

 

32«Хаттал шул дукха хьалха хиллачу ширачу заманех лаьцна, Дала лаьтта тІехь адам кхоьллинчу дийнахь дуьйна. Хаттал дерриг а дуьненна тІехь – стигалан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Хиллий те хІара санна сийлахь гІуллакх, я хезний те хІара санна дерг? 33ТІаьхьа дийна а дуьсуш, хьуна санна хезний те цхьана а халкъана делан аз цІеран юккъера схьадечу къамелаца? 34Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! 35И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. 36Цо стигалара Шен аз хазийтина, шу Іаморхьама. Цо лаьттахь Шен сийлахь йолу йогу цІе а гайтина шуна, цІеран юккъера Иза Ша вистхуьлуш а хезна шуна. 37Шун дай Шена безна дела, царах йисина тІаьхье йолу шу хаьржира Цо. Цо Ша Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца шу арадаьхна. 38Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дІалахкархьама а, шу церан лаьтта тІе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хІинца иза ма-дарра. 39ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. 40Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а».

 

ДІалачкъа йина гІаланаш

 

41Цул тІаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гІала дІакъастийра Муса-пайхамаро. 42Хьалха шеца мостагІалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дІавада мегар ду. Царах цхьана гІалахь дІалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама. 43Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гІала раабанхошна лерина яра, ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гІала маннашхошна лерина яра.

 

Делера болу итт хьехам бовзийтале

 

44ХІара Мусас Исраилан халкъана дІабовзийтина товрат-хьехам бу. 45Товрат-хьехамна чубогІуш болу а, шаьш Мисар-махкара арабевллачул тІаьхьа Мусас цаьрга дІабелла болу сацамаш а, парзаш а, тІедехкинарш а ду хІорш. 46Иза хилира уьш Йордан-хина малхбалехьа, Байт-ПаІарна уллохь йолчу тогІи чохь болчу хенахь. И латта Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан хилла. Иза Мусас исраилхошца цхьаьна шаьш Мисарара арадевллачу хенахь эшийнера. 47Йордан-хина малхбалерчу шинна а паччахьан – Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ІовгІин а – латтанаш схьалаьцнера исраилхоша. 48Арнон-хина йистехь йолчу ІаруІер-гІалара Сириюн-ломана[1] тІекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу). 49Царна чу йогІура Йордан-хина малхбалехьа йолу Іариба-тогІи, Пасга-ломан кІажехь болчу Іариба-хІордана тІекхаччалц.

 

Делера болу итт хьехам

 

(Арадаккхар 20:1-17)

 

5

 

1Исраилан дерриг а халкъ схьа а гулдина, Мусас иштта элира: «ЛадогІал, исраилхой, тахана ас шун лергашна дІахозуьйтуш деш долчу парзашка а, тІедехкинчаьрга а. Уьш Іама а делаш, уьш кхочушдан а хьовсалаш. 2Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь. 3Цо и барт вайн дайшца ца бина, ткъа кхузахь тахана дийна долчу вайца массаьрца а бина. 4Веза Эла ломахь йолчу цІерана юккъера юьхь-дуьхьал вистхилира шуьга. 5Ткъа со оцу хенахь Везачу Элана а, шуна а юккъехь лаьтташ вара, Везачу Эло бохург шуьга дІадийцархьама. ХІунда аьлча шу, цІерах шаьш кхерарна, лам тІе ца довлура.
ХІетахь Везачу Эло иштта элира: 6„Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
7Со воцург, кхин Дела ма хилийта шайн.
8Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. 9Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. 10Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
11Везачу Элан, шайн Делан, цІе эрна ма яккха, хІунда аьлча Шен цІе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таІзар ца деш вуьтур вац.
12Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. 13Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. 14Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. 15Диц ма делаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла хилар, ткъа шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца а, Шен дІакховдийначу пхьаьрсаца а шу арадаьхна хилар. Цундела шоьтан садоІу де лардан шуна тІедиллина шун Везачу Дала.
16Шайн да а, нана а лара, шайн Везачу Дала тІе-ма-диллара, шайн Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а.
17Адам ма де.
18Нахаца ма лела.
19Къола ма де.
20Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
21Шайн уллорачун зуда ма еза. Иштта цуьнан цІа я латта а ма деза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма езийта“.
22ХІара хьехамаш лам тІехь волчу Везачу Эло чІогІачу озаца халкъан берриг а гуламна белира. ЦІерана а, мархина а, Іаьржачу боданна а юккъера Ша вистхилча, царал сов, Цо хІумма а ца элира. ТІаккха и дешнаш тІулгах йолчу шина экъанна тІе дІа а яздина, уьш соьга схьаелира Цо».

 

Халкъ кхоьру

 

(Арадаккхар 20:18-21)

 

23«Шайна боданна юкъара аз хезча, цІерах богуш лам гича, шу суна тІе даьхкира, массо а шун хьаькамаш а, шун къаной а. 24Аша иштта элира: „Вайн Везачу Дала Шен сийлалла а, возалла а схьагайтира вайна. Цуьнан аз цІерана юккъера схьахезнера вайна. Тахана вайна гира Дела адаме вистхилахь а, и адам дийна диса мегаш хилар. 25Кхин а цкъа вай дала йиш хІунда кхуллур яра? Оцу сийлахьчу цІеро вай дуур ду. Нагахь санна вайн Везачу Делан аз кхин а хазахь, вай лийр ду. 26Дуй те цхьа а адам вайна санна цІерана юккъера дийна волчу Делан аз а хезна, дийна дисина долу? 27ТІе а верзий, ладогІа вайн Везачу Дала хьайга мел бохучуьнга. ТІаккха тхоьга схьадийца вайн Везачу Дала хьайга мел дуьйцуш дерг, ткъа оха ла а дугІур ду, и дерриге а кхочуш а дийр ду“.
28Везачу Элана дІахезира шун дешнаш, соьга къамел деш аша аьлла долу. Цо соьга иштта элира: „Суна хезира хІокху халкъо хьоьга аьлларг. Цара мел аьлларг дика ду. 29ЭхІ-хІай, Соьга ларамах дуьзна а хилла, дерриге а Сан весеташ кхочушдан даим церан дегнаш делахьара, шайна а, шайн берашна а гуттаренна диканиг хилийтархьама! 30Вало, дІаала цаьрга: ‘Шайн четарш чу юхадерза’. 31Ткъа хьо кхузахь Соьца виса. Ас хьоьга дІаэр ду массо а весеташ, парзаш, тІедехкинарш. Халкъана хьеха деза ахьа уьш, Ас шайн дола доккхун долчу лаьтта тІехь уьш иштта лелийтархьама“.
32Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агІор дІа ма дерзалаш. 33Шун Везачу Дала шайна тІедехкинчу некъашца лелалаш, шайна дола дан лун долчу лаьтта тІехь шаьш дийна хилийтархьама а, шуна дика хилийтархьама а, шаьш дуккха а дахийтархьама а».

 

6

 

Коьртачу весетах лаьцна

 

1«ХІорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тІедехкина долу весеташ, парзаш, тІедехкинарш. Шайна дола даккха шу тІедоьлхучу оцу лаьтта тІехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу. 2И дан деза аша а, шун бераша а, царал тІаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тІедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а. 3Исраилан халкъ, ла а догІа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тІехь, шун дайн Везачу Дала шуна чІагІо ма-ярра.
4ЛадогІа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву[2]. 5Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. 6Тахана Ас весет деш долу хІара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. 7Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. 8Шайн куьйгаш тІе дІадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тІе а дІадехка уьш хьехорна. 9ДІаязде уьш шайн неІсагІанаш тІе, шайн кевнаш тІе».

 

ЛацадогІарна дуьхьал дІахьедар дар

 

10«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дІадала ваІда динчу лаьтта тІе гІур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гІаланаш ю. 11Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цІенош а, аша яьхна йоцу гІунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тІехь Іаббал баа кхача шайна хилахь, 12варелаш, лоллин цІа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш! 13Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. 14Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, 15хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу.
16Шайн Веза Дела зен ма гІерта, шаьш Массехь иза ма-дарра. 17ЧІогІа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тІедехкина долу. 18Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чІагІо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тІе а девлла, иза дола даккхархьама а, 19берриш а шайн мостагІий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дІабахийтархьама а.
20Нагахь санна тІейогІучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХІун маьІна ду вайн Везачу Дала вайна тІебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“ 21аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. 22ТІаккха вайн бІаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гІуллакхаш а, Іадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирІунна а, цуьнан массо цІенна а тІехь. 23Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дІа а дигира, вайн дайшна чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. 24Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тІедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. 25Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тІе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».

 

Везачу Элан долахь долу халкъ

 

(Арадаккхар 34:11-16)

 

7

 

1«Шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІе шун Везачу Дала шу чудигча, Цо шуна хьалхара дуккха а къаьмнаш дІалохкур ду – хьетахой, гІиргІашахой, эмархой, канаІанхой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой. И ворхІ къам шул дукха а, ницкъ болуш а ду. 2Шун Везачу Дала уьш шун кара а делла, аша и къаьмнаш эшийча, уьш кхоччуш дакъазадаха. Цаьрца барт а ма белаш, царах къа а ма хеталаш. 3Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. 4ХІунда аьлча цара шун кІентий Сох дІаберзор бу, кхечу деланашна Іамал яйтархьама. ТІаккха Везачу Элан дераллин цІе шуна тІехьодур а ю, Цо шу сихха хІаллакдийр а ду. 5Амма аша царна хІара делаш: церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дІахедаделаш, церан цІуш багабелаш. 6Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу.
7Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – 8Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. 9Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. 10Амма Ша ца везачарна доггІург Цо дийр ду, уьш хІаллак а беш. Иза хьелур вац, Ша ца везачунна хІоранна шена-шена догІу таІзар дан. 11Цундела Ас тахана кхочушдан шайна тІедехкина долу весеташ а, парзаш а, хьехамаш а ларбелаш».

 

МуьтІахь хиларна декъалдарш

 

(Карлабаьккхинарг 28:1-14)

 

12«Нагахь санна аша оцу хьехамашка ладогІахь, уьш ларбахь, кхочушбахь, тІаккха шун Везачу Дала, Ша шун дайшка ваІда дина ма-хиллара, Ша шуьца бина безаман барт ларбийр бу. 13Шу дезар а ду, шу декъал а дийр ду, шу доьбуьйтур а ду Цо. Шун кийрахь верг а декъалвийр ву, шун латто луш дерг – ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а – декъалдийр ду, шун бежанийн эсий а, жийн Іахарий а декъалдийр ду Цо шун дайшка шуна лур ду аьллачу лаьтта тІехь. 14Массо а халкъел декъалдина долу халкъ хир ду шун халкъ. Шун халкъана юкъахь хир вац бер ца хуьлу стаг, берах ца хуьлу зуда, шун даьхнина юкъахь а хир дац иштта дерг. 15Везачу Эло лардийр ду халкъ массо а цамгарх. Мисар-махкахь шуна девзина долу цхьа а луьра ун кхоьтуьйтур дац шух, амма шу ца дезачарна массарна тІе далор ду иза. 16Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю.
17Нагахь санна: „И къаьмнаш тхол дукха ду, оха муха дохур ду уьш ара?“ – аьлла, шун даг чу дожахь, 18ма кхералаш царах, амма дагадаийталаш шун Везачу Дала пирІунна а, берриг а мисархошна а динарг. 19Дагадаийталаш шайн бІаьргашца шуна гина болу Дала бахкийтина баккхий баланаш а, билгалонаш а, тамашийна гІуллакхаш а, шун Везачу Дала Шен ондачу куьйгаца, дІакховдийначу пхьаьрсаца шу арадахар а. Изза дийр ду шун Везачу Дала шу кхоьруш долчу массо а халкъашна. 20Шун Везачу Дала царна бумбареш тІехоьцур ю, шух дІалечкъаш болу дийна биснарш хІаллакьхиллалц. 21Ма кхера царах, хІунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. 22Шун Везачу Дала и халкъаш кІез-кІезиг шуна хьалхара дІалохкур ду. И халкъаш цхьана хеннахь хІаллак ма делаш, аренашкара акхарой ца дебийтархьама. 23Амма шун Везачу Дала шун кара дІалур бу уьш. Царна тІе боккха кхерам боссор бу, уьш хІаллакбина бовллалц. 24Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. 25Церан цІу-деланаш цІергахь багабелаш. Царна тІехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речІанаш ца хилийтархьама, хІунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета. 26Шайн цІенош чу а ма балабелаш и дегаза цІуш, уьш санна кхоччуш дакъазадаха шаьш дІакъастийна ца хилийтархьама. Царах даша а ма даша, уьш уггар дегаза а хета, хІунда аьлча уьш кхоччуш дакъазадаха лерина Везачу Элана дІакъастийна хІуманаш ду».

 

8

 

Везачу Эло Шен халкъана луш долчу лаьттах лаьцна

 

1«Ас тахана шайна деш долу весеташ леррина кхочушделаш, шаьш дийна хилархьама а, дебийтархьама а, дІа а дахана, шун дайшка Везачу Дала, ваІда а деш, лур ду аьлла долу и латта шайн дола даккхархьама а. 2Дагахь латтабелаш, яьссачу аренгахула хІокху шовзткъа шарахь шун Везачу Дала шуьга байтина болу массо а некъ. Цо шуьга и некъ байтина, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, шун даг чохь хІун ду хаархьама а. Цунна хаа лаьара, аша Шен весеташ лардийр дуйла я доцийла. 3Цо шу шаьш-шайна кІезиг хоьтуьйтуш къардалийтира, мацалла хІоттийна, гІелдира, стигалара манна олу кхача белира шуна, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу. Иза дира Цо шуна дІагайтархьама, адам деккъа цхьана баьпках дехаш доцийла, амма Везачу Элан багара схьадолучу хІора дашца дехаш дуйла. 4Шун бедарш шуна тІехь тиш ца лора, оцу шовзткъа шарахь шун когаш ца бестара. 5Шайн дагахь хилийталаш, шун Везачу Дала, дас шен кІант санна, шу Іамош дуйла а, нисдеш дуйла а. 6Цундела шайн Везачу Делан весеташ ларделаш, Цуьнан некъашца а лелалаш, Цуьнга ларамах дуьзна а хуьлуш. 7Шун Везачу Дала шу беркатечу лаьтта тІе дІадуьгуш ду. Оцу лаьтта тІехь татолаш, Іемаш а, шовданаш а ду, тогІешкара а, лаьмнашкара а схьадуьйлуш долу. 8Оцу лаьтта тІехь кІа а, мукх а, кемсийн таьллангаш а, инжирийн а, нарийн а дитташ а, зайт-дитташ а, моз а ду. 9Оцу лаьтта тІехь цхьа а эшам ца хаалуш, аша шайн бепиг а дуур ду, цхьана а хІуманна тІехь эшаме а хир дац шу. Оцу лаьттарчу тархаш чохь эчиг ду, ткъа оцу лаьттан лаьмнаш чуьра аша цІаста доккхур ду. 10Ткъа шаьш йиина а девлла, дуьзча, Цо шуна делла долчу токхечу лаьттана шайн Везачу Далла хастам белаш».

 

Дела вицварх ларваларх лаьцна

 

11«Ларлолаш, тахана ас шайна тІедуьллуш долу Цуьнан весеташ, Цуьнан тІедехкинарш, Цуьнан парзаш кхочуш а ца деш, шайн Веза Дела вицварх. 12Юуш шаьш дуьзча, шайна дика цІенош а дина, царна чохь шу даха хевшича, 13шайн даккхий а, кегий а бежанаш дебаш хилча, шайн деши а, дети а алсамдолуш хилча, шайн массо а долахь дерг совдолуш хилча, 14варелаш, шайн дегнаш кура а ма довлийталаш а, лоллин цІа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела виц а ма велаш. 15Чохь дІаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. 16Цо шуна яьссачу аренгахь манна олу кхача баабора, шуна а, шун дайшна а хІун ю а хиъна йоцу, шайн кІезигаллина шу къардалийтархьама а, шу зерхьама а, тІаьхьа шуна дика дархьама а, 17„Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хІара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. 18Амма аша шайн дегнаш чохь латтавелаш шайн Веза Дела, хІунда аьлча шун хьал хилийта шуна ницкъ луш верг Иза ву. Иза иштта лела, ваІда а дина, шун дайшца Ша бина барт, таханлерчу денна ма-барра, чІагІбархьама. 19Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тІаьхьахІиттахь, царна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хІаллакьхир ду аьлла. 20Везачу Эло шуна хьалхара хІаллакдеш дІадоху халкъаш санна, хІаллакдийр ду шу, шайн Везачу Делан озе ла ца дугІу дела».

 

9

 

Везачу Эло Исраилан халкъана гІо хІунда до

 

1«ЛадогІа, исраилхой: шу хІинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чІагІонаш чохь йолу яккхий гІаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. 2Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегІ долу а Іаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Іаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“ 3Ткъа хІинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цІеро санна, дерриг а дІакхоллург волу. Цо уьш хІаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дІа а лохкур бу, хІаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.
4Шун Везачу Дала шуна хьалхара уьш дІалаьхкинчул тІаьхьа, шайн дегнашкахь иштта ма алалаш: „Тхо Шен лаамехь хилла дела, Везачу Эло кхуза схьадалийна, хІара латта тхайн дола даккха“. ХІан-хІан, оцу халкъийн хьараме лелар бахьана долуш, Везачу Эло шуна хьалхара дІалохкур ду уьш. 5Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама. 6Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хІунда аьлча шу юхахьара халкъ ду».

 

Исраилхоша дашо эса дар

 

7«Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгІазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хІокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. 8Аша Хьариб-ломахь а оьгІазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хІаллакдина дІадаххал дарвеллера. 9Везачу Эло шуьца бина барт тІеязбина йолу тІулган экъанаш схьаэца со лам тІе хьалаваьлча, ас цигахь шовзткъа де-буьйса даьккхира, бепиг а ца дууш, хи а ца молуш. 10Везачу Эло Шен куьйга йоза тІеяздина йолу тІулган ши экъа елира соьга. Оцу экъанаш тІехь яздина дара Везачу Эло гулам болчу дийнахь богучу ломан цІерана юккъера шуьга схьа мел аьлла дешнаш. 11Шовзткъа де-буьйса дІадаьлча, Везачу Эло соьга схьаелира тІулган ши экъа, бартбаран экъанаш.
12Везачу Эло соьга иштта элира: „ХьалагІатта, дІавала кхузара, ломара охьавосса. Мисар-махкара ахь арадаьккхина долу хьан халкъ дукха телхина ду. ХІинцале а дІабевлла уьш Ас шайна весет динчу новкъа тІера, шайна лалийна цІу а вина“.
13Везачу Эло кхин а иштта элира соьга: „Ас тидам бира оцу халкъан – иза аьрха халкъ ма ду! 14Ма сецаве Со. Ас хІаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цІе дуьнен тІера а дІайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“.
15Со, юха а вирзина, лам тІера чувоьссира, иза цІерах богуш болчу хенахь. Бартбаран ши экъа сан карахь яра. 16ДІахьаьжча, суна гира шайн Везачу Далла дуьхьал аш къа латийна хилар, старгІин сибатехь шайна лалийна цІу а вина. Шу сиха дІадевллера Везачу Эло шуна дІакхехьа динчу весетан некъа тІера. 17Ас и ший а экъа, схьа а эцна, сайн карара лаьттах а тоьхна, шун бІаьргашна хьалха йохийра».

 

Исраилхошна тІера Мусас доІа дар

 

18«Везачу Элана суждане а вахана, хьалха санна шовзткъа де-буьйса даьккхира ас. Со юуш а, молуш а вацара, аша летийна къинош бахьана долуш. Уьш а летийна, шайн Везачу Далла хьалха вон а дина аша, Иза оьгІаз а вахийтина аша. 19Со кхоьрура Везачу Элан оьгІазлонах а, дераллах а, хІунда аьлча шу хІаллакдаллал чІогІа оьгІазваханера Иза. Амма Цо юха а ладуьйгІира соьга. 20АхІаронна а чІогІа оьгІазвахнера Веза Эла, иза хІаллакваллал, амма ас оццу хенахь АхІаронна тІера а доІанаш дира. 21Ткъа аша дина къилахь хІума, старгІин и сурт, схьа а эцна, цІергахь дагийра ас. ТІаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тІера охьаоьхучу хи чу тесира ас.
22ТабІерехь, Массехь, Кхиброт-ХІатаъвуэхь аша кхин а оьгІазъоьхуьйтура Веза Эла. 23Ткъа Везачу Эло: „Дуьйло, схьадаккха Ас шуна луш долу латта“, – аьлла, шу Кхадеш-БарнаьІера дохуьйтучу хенахь, шу дуьхьалдевллера шайн Везачу Делан омранна, шу Цунах ца тийшира, аша Цуьнан озе ла ца дуьйгІира. 24Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха.
25Иштта, Везачу Элана хьалха суждане а вахана, шовзткъа де-буьйса даьккхира ас, хІунда аьлча Везачу Эло аьллера, Ша шу хІаллакдийр ду. 26ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. 27Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хІокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Іесалле, цуьнан къиношка. 28Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тІехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тІе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хІаллакдархьама’. 29Ткъа иза Хьан халкъ а, Хьан долахь дерг а ду, Ахь Хьайн ондачу ницкъаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а Мисар-махкара арадаьккхина долу“».

 

Делера болу итт хьехам шолгІа схьаэцар

 

(Арадаккхар 34:1-10)

 

10

 

1«Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тІорказ а дай, Со волчу лам тІе хьалавала. 2Оцу экъанаш тІехь ахьа йохийначу шина экъанна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тІорказ чу охьаяхка“.
3ТІаккха акаци олучу дечигах ас тІорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тІе велира. 4Везачу Эло, Ша хьалха лам тІехь гуламан дийнахь цІеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тІе дІа а язбина, уьш соьга схьаелира. 5ТІаккха, лам тІера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тІе-ма-диллара, айса динчу тІорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хІинцца а цигахь ю».
6(Исраилхой Баировт-Баней-ЯІакханера гІунаш тІера Мосире дІабахара. АхІарон дІакхелхира, иза цигахь дІавоьллира. Цуьнан метта динан да дІахІоьттира цуьнан кІант ЭлиІазар. 7Эццара уьш Гуди-Гуде бахара, ткъа цу тІера – Ютбате. Иза хиш долу латта дара. 8ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. 9Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дІа-ма-аллара.)
10«Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тІехь. Везачу Эло хІинца а ладуьйгІира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хІаллакбан. 11ТІаккха Везачу Эло иштта элира соьга: „Вало, оцу халкъана хьалхавала, новкъа баха уьш, церан дайшна Ас чІагІо еш лур ду аьлла долу латта шайн дола даккхийтархьама“».

 

Везачу Элан омранаш

 

12«Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. 13Цунна лаьа ас тахана хьайна тІедуьллуш долу Везачу Элан весеташ а, парзаш а ахь лардар, хьуна дика хилийтархьама. 14Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тІехь мел дерг а. 15Хьан дайшна тІе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тІаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. 16Шайн дегнийн дуьхьлара пардо дІахададейша, ма хилийша кхин дІа а юхахьара. 17Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. 18Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тІевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тІедуху хІума а ло цунна. 19Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тІевеана стаг, хІунда аьлча шу шаьш а ма дара тІедаьхкинарш Мисар-махкахь. 20Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гІуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цІарах бен дуйнаш ма баалаш. 21Шайн хастамаш Цунна дІало. Иза шун Дела ву. Шун бІаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. 22Шун дай Мисар-махка баьхкинчу хенахь, уьш кхузткъе итт стаг бен вацара, ткъа хІинца шун Везачу Дала, стигалара седарчий санна, алсамдаьхна шу».

 

11

 

Делан сийлахьалла диц ца дайта беш болу хьехам

 

1«Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь. 2Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс, 3Цуьнан тамашийна билгалонаш, Цуьнан гІуллакхаш, Цо Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна а, цуьнан халкъана а дина долу. 4Шун берашна ца гина Цо мисархойн эскарх, говрех, гІудалкхех динарг. Уьш ерриш а Эрзийн хІорда чохь дІахьулйинера Цо, уьш шуна тІаьхьабевллачу хенахь. Таханлерчу денна тІекхаччалц Везачу Эло уьш хІаллакбина латтийра. 5Шу хІокху метте схьакхаччалц, Цо шуна яьссачу аренгахь динарг шун берашна ца гина. 6Раабанхочун Элиабан кІенташна Датанна а, Абирамна а динарг шун берашна ца гина. ХІетахь, латта дІаса а декъаделла, уьш берриш а Исраилан халкъана юкъара лаьтто дІаийцира: церан доьзалш а, церан четарш а, церан мел хилла болу бахам а. 7Везачу Эло мел дина долу сийлахь гІуллакхаш гинарш шун бІаьргаш бара».

 

Халкъана кхочун долчу лаьтта тІехь Дала лун долу дика

 

8«Шу Йордан-хина дехьадевлча, тахана ас шайна тІедуьллуш долу Делан дерриг а весеташ ларделаш, цигара долу латта, чу а гІоьртина, шайн дола даккхал ницкъ шайн хилийтархьама. 9Везачу Эло, чІагІо а йина, шун дайшна а, церан тІаьхьенна а лур ду аьллачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу оцу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама, ларделаш и весеташ. 10Шайна схьадаккха шу тІедоьлху и латта шу арадевллачу Мисар-мехкан лаьттах тера дац. Цигахь аша, хІуш тесначул тІаьхьа, лаьттана, хасстоьмийн бешана санна, шайн куьйгийн ницкъаца хиш дохкура. 11Ткъа шу шайн дола даккха тІедоьлху и латта лаьмнаш а, тогІеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догІанийн хи молу. 12Шун Везачу Дала гІайгІа еш долчу оцу лаьтта тІехь даим бу шун Везачу Делан бІаьргаш: шеран коьртера дуьйна схьа и шо чекхдаллалц.
13Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогІахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гІуллакх дахь, – 14Ас шун лаьттана шен-шен хенахь догІа лур ду, хьалххе догІург а, тІаьхьо догІург а. ТІаккха аша шайн ялта а схьагулдийр ду, шайн чагІар а, шайн зайтдаьтта а доккхур ду. 15Ас шун аренашкахь шун бежанашна буц лур ю, тІаккха юуш а, дузуш а дехар ду шу. 16Варелаш, ларлолаш, шайн дегнаш Іеха ма далийталаш, Везачу Элах дІа а дирзина, кхечу деланашна гІуллакх а деш, Іибадат а деш дІахІиттарх. 17ТІаккха Везачу Элан оьгІазалла, яьлла цІе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дІакъовлур ю, догІа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТІаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тІехь шу кестта хІаллакьхир ду.
18Цундела хІара сан дешнаш шайн дегнаш чу а, синош чу а дІадахка, дІаяздина долу и дешнаш шайн куьйгаш а, хьаьжнаш а тІе дІадехка, уьш дагадаийтархьама. 19Шайн кІенташна хьеха уьш, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. 20ДІаязде уьш шайн неІсагІанаш тІе, шайн кевнаш тІе, 21Везачу Эло шун дайшна дІабала чІагІо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тІехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь.
22Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, – 23Везачу Эло и дерриге а халкъаш шуна хьалхара дІалохкур ду, тІаккха шун халкъал дукха долчу а, ницкъ болчу а халкъийн латта шайн дола доккхур ду аша. 24Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тІекхаччалц, Эпрат-хина тІера Дуьненаюккъерачу хІорда тІе кхаччалц хир ду шун дозанаш. 25Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чІагІо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу.
26Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неІалт кхайкхор. 27Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, шу декъалдина хир ду. 28Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догІахь, тахана ас весет деш болчу некъа тІера шу дІадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тІаьхьа шу хІиттахь, шуна неІалт кхайкхор ду. 29Шун Везачу Дала шайн дола даккха тІедуьгучу лаьтта тІе шу далийча, Герзим-лам тІера декъалдаран дешнаш дІаала, ткъа Іейбал-лам тІера неІалт кхайкхоран дешнаш дІаала. 30(Уьш Йордан-хина дехьа бу, коьртачу некъана малхбузехьа, МорахІ олучу ножан дитташна уллохь, Іариба-тогІи чохь бехачу канаІанхойн лаьтта тІехь йолчу Галгал-гІалина юххехь.) 31Шун Везачу Дала шуна дІалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тІехь дехар долчу хенахь, 32тахана ас шайга дІакховдош долу Цуьнан массо а парзаш а, тІедехкинарш а леррина кхочушделаш».

 

12

 

Іибадат деш цхьа меттиг хила езарх лаьцна

 

1«ХІорш ду шун дайн Дела волчу Везачу Эло шуна дІалуш долчу лаьтта тІехь шу мел деха шуьга кхочушдайта делла парзаш а, тІедехкинарш а. 2Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. 3Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера.
4Оцу халкъаша харцделанашна Іибадат даре терра шайн Везачу Далла Іибадат ма делаш. 5Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. 6Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. 7Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила.
8Аша цигахь, оха кхузахь хІинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХІинццалц шух хІораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагІанаш дохура. 9Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. 10Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. 11ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. 12Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). 13Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарх. 14Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагІанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тІе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш.
15Вуьшта-м, шу мел дехачу гІаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цІена волчунна а, цІена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна. 16Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. 17Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. 18Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. 19Варелаш, шайн лаьтта тІехь шу мел деха, левихой дІа ма татталаш.
20Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. 21Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цІе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагІна урс хьакха мегар ду, ас тІе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гІаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду. 22Иза масаран а, сен а жижиг дууш санна даалаш. Далла хьалха цІена волчо а, цІена воцучо а даа мегар ду иза шу долчохь. 23Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. 24Ма даалаш иза, хи санна, дІаІанаделаш иза лаьтта тІе. 25Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тІаьхьа а даим дика хилийтархьама, хІунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бІаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша. 26Деккъа шайн хир долу деза хІума а, шаьш йинчу чІагІонца дерг а дахьаш схьадуьйла шайн Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге. 27Дийнаташ дагоран сагІанийн жижиг а, цІий а шайн Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчана тІехь даха дезаш ду. Кхидолчу сагІанийн цІий хьайн Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчана уллохь дІаІано дезаш ду, ткъа оцу сагІанийн жижиг аша даа мегар ду. 28Хьажал, леррина кхочушде аса шуна тІедуьллуш долу хІара дерриге а дешнаш. Аша иза дахь, шуна а, шул тІаьхьа долчу берашна а дика хир ду, хІунда аьлча цу тайпана, шайн Везачу Делан бІаьргашкахь дика а, нийса а дерг деш лелаш хир ду шу».

 

ЦІушна Іамалъярх лардаларх лаьцна

 

29«Шайн дола даккха шу чугІуртучу лаьтта тІера халкъаш шун Везачу Дала дІадаьхча, аша уьш цигара дІа а лаьхкина, церан лаьтта тІехь шу даха охьахевшича, 30ларлолаш речІанна чу нисдаларх. Уьш шайн хьалхара хІаллакдина дІадаьхча, царна тІаьхьа шу ма довлалаш, церан деланаш леха ма долалолаш, ма бахалаш вовшашка: „ХІокху халкъаша шайн деланашна гІуллакх ма-дарра, оха а дийр ду“. 31Шайн деланашна цара Іамал ечу кепара шайн Везачу Далла Іамал ма елаш, хІунда аьлча цара шайн деланашна мел дийриг Везачу Элана дегаза хетарг а, ца дезарг а ду. Цара ур-атталла шайн кІентий а, шайн йоІарий а, шайн деланашна лоруш, цІергахь багабо.
32Ас шайга весет мел динарг кхочушдан хьовсалаш. Цхьа а хІума тІе а ма тохалаш, дІа а ма даккхалаш».

 

 

13

 

1«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гІенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хІуманаш довзийтахь, 2ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тІаьхьа а хІуьттур ду вай, царна гІуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, – 3ахьа оцу пайхамаре я оцу гІенаш гуш волчуьнга ла ма догІалахь, хІунда аьлча ишттачу хІуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те. 4Шайн Везачу Далла тІаьхьахІитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогІалаш, Цунна гІуллакх делаш, Цунна тІетовжалаш. 5Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха.
6Хьан ваша, я хьан кІант, я хьан йоІ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагІа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гІорта мега: „Вало, кхечу деланашна гІуллакх деш лелар ду вай“, – бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш. 7Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега. 8Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. 9Амма иза вей дІаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тІе айина, иза верхьама. Цул тІаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тІехь. 10Цунна и валлалц тІе тІулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цІийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дІаверзийта уьш гІерта дела. 11Иза дІа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТІаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
12Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гІаланашна юкъара цхьана гІаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна, 13шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гІалин бахархой Іехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гІуллакх дийр ду вай“, – бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза. 14Ахь оцу хІуманах лаьцна хаттарш де, и хІума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь, 15оцу гІалин массо а бахархой тур хьаькхна хІаллакбелаш. Ерриг а гІала, Далла леринан дІа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха. 16Ткъа гІали чохь йолу ерриге а хІонс майданна юккъе схьагулъе. ГІала а, цуьнан мел йолу хІонс а цІерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагІа санна. Латтийла и гІала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахІоттийна хила ца еза иза. 17Дакъазадаккха Далла дІакъастийначух цхьа а хІума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгІазалла дІа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чІагІо ма-ярра. 18Иштта хир ду, нагахь санна, ас хІинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бІаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогІахь».

 

14

 

Веллачунна саготта хилар

 

1«Шу – шайн Везачу Делан бераш ду. Шайн дегІа тІехь цхьа а чов ма елаш, шайн хьаьжнаш тІера чоьш дІа ма дашалаш, стаг велла дела, шайн сингаттам гайта гІерташ. 2ХІунда аьлча хьо хьан Везачу Далла дІакъастийна деза халкъ ду. Дуьнен тІера дерриг а халкъашна юкъара Цо къастийна хьо, Шен долахь долу жовхІар хилийтархьама».

 

Хьаналчу а, хьарамчу а дийнатех лаьцна

 

(Іамалъяр 11:1-47)

 

3Мусас кхидІа а элира: «Везачу Элана дегаза хетачех цхьа а хІума ма яалаш. 4ХІорш ду шуна даа мегаш долу хьайбанаш: стерчий, уьстагІий, гезарий, 5сенаш, масарш, шоьккареш, хьехарий, тайп-тайпана лунаш, акха гезарий. 6КІоргга харш а долуш, бергаш шина декъе екъаелла долу а, нох дохуш долу а муьлхха а дийнат даа мегар ду. 7Делахь а, нох доккхуш долчех я кІоргга харш а долуш, бергаш екъаеллачех хІорш ма даалаш: эмкалш, пхьагалш, гІамарпхьагалш. Уьш нох доккхуш елахь а, церан бергаш екъаелла яц. Уьш шуна хьарам ю. 8Иштта хьакха а ю шуна хьарам. Цуьнан бергаш екъаелла ю, амма цо нох ца доху. Цу дийнатийн жижиг а ма даа, церан чархех куьг а ма Іотта.
9Хи чохь дехачу дийнатех кІеда а, онда а пелагаш дерш даа. 10Ткъа пелагаш доцурш ма даа: уьш шуна хьарам ду.
11Олхазарех а даа хьанал дерш. 12Амма царах долу хІорш даа мегар дац: аьрзу а, ломъаьрзу а, боца ког болу аьрзу а, 13шен тайпанашца маккхал а, шен тайпанашца леча а, 14шен тайпанашца муьлхха къиг а, 15страус а, бухІа а, чайка а, шен тайпанашца куьйра а, 16соька а, ибис а, кІайн бухІа а, 17пеликан а, сип а, чІерийдохург а, 18аист а, шен тайпанашца зуя[3] а, хІуттут а, бирдолаг а.
19ТІемаш долу дерриг а сагалматаш а хьарам ду шуна. Уьш ма даалаш. 20Ткъа тІемаш долчу дийнатех муьлхха а хьанал дерг даа мегаш ду.
21Цхьа а къеелла йолу хІума ма яа, муьлхачу шун гІаланашкахь вехаш волчу тІевеанчу стагана дІало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дІадохка и жижиг, хІунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду.
Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

 

Кхиийначух уьтталгІа дакъа дІадаларх лаьцна хьехам

 

22«ХІора шарахь шайн кхашна тІехь, хІу а тесна, айхьа кхиийна долчух уьтталгІа дакъа дІакъастаде. 23Шайн Везачу Далла хьалха, Ша Іайтархьама Цо схьахоржур йолчу меттигехь, даалаш шайн ялтин, шайн чагІаран, шайн зайтдаьттан уьтталгІа дакъа а, шайн бежанийн дуьххьарлера эса а, шайн уьстагІийн дуьххьарлера Іахар а. Иза де шаьш мел деха, шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іамархьама. 24Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цІе яккхийта схьакъастор йолу меттиг гена йолу дела, и некъ шуна беха белахь, шайн Везачу Дала шу декъалдина хиларна уьтталгІа дакъа цига шу дІадахьалуш дацахь, 25и дерриге а детих хийца. ТІаккха и дети шайн куьйга а диллий, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттиге схьадуьйла. 26Ткъа оцу детих шайн дагна мел дезнарг схьаэца: стерчий, уьстагІий, чагІар, кхидолу маларш, шайна мел луург. ТІаккха цигахь, шун Везачу Далла уллохь, и хІуманаш яа, иштта сакъералуш а хила.
27Шайн гІаланашкахь болу левихой биц ма белаш, хІунда аьлча церан долахь, шун санна, шайн лаьттан дакъа дац. 28Кхо шо хан яьлча, шаьш кхиийна долчух уьтталгІа дакъа дерриге а дІа а къастадай, оццу шарахь шайн гІаланашкахь дІадилла. 29ТІаккха левихой а (церан долахь, шун санна, лаьттан дакъа ца хиларна), тІебаьхкина нах а, бай а, бисина зударий а схьабахкийта, оцу уьтталгІачу дакъойх цаьрга даийта а, бузийта а, шун куьйгаша деш долчу муьлххачу а гІуллакхашна тІехь шун Везачу Деле шу декъалдайтархьама».

 

ВорхІалгІачу шарах лаьцна

 

(Іамалъяр 25:1-7)

 

15

 

1«ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. 2Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хІума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хІунда аьлча Везачу Эло дІакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла. 3Кхечу махкара волчуьнгара декхар схьадаккха, ткъа шайн къомах волчо шуна дІадала дезаш долу декхар схьа ца доккхуш дита.
4Делахь а, шуна юкъахь мисканиг хила ца веза, хІунда аьлча шун Везачу Дала шун дола дІалуш долчу лаьтта тІехь шу шортта декъалдийр ду. 5Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Деле бен аша ладугІур дацахь а, тахана ас шайна тІедохкуш долу весеташ аша леррина кхочушдахь а. 6Шу иштта лелахь, шун Везачу Дала шу декъалдийр ду, Ша шуьга ма-аллара. Аша дуккха а долчу халкъашна юхалург а лур ду, ткъа цаьргара юхалург хІумма схьа а оьцур яц. Аша дуккха а халкъашна тІехь олалла дийр ду, ткъа цара шуна тІехь олалла дийр дац.
7Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. 8Амма шайн куьйгаш дІа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. 9„Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. 10ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. 11Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тІехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна».

 

Леш лелорах лаьцна

 

(Арадаккхар 21:1-11)

 

12«Нагахь санна шун Іебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза. 13Шаьш иза дІахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза. 14Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагІех, шайн хьаьтта тІера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДІало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина. 15Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргІатдахар а. Цундела тІедуьллу ас шуна тахана хІара.
16Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дІа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, – 17аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неІарх Іотта. ТІаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гІарбашна а. 18Холчу ма даккха шайна иза дІахеца везаш хилар, хІунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тІехь шу декъалдийр ду».

 

Дуьххьарлера бежанаш а, уьстагІий а

 

19«Шайн бежанех а, уьстагІех а дуьххьара дуьнен чу яьлла йолу боьрша хІума шайн Везачу Далла дІакъастае. Дуьххьарлерчу эсана тІехь болх ма белахь, дуьххьарлера Іахар ма ларгалахь. 20Шайн Везачу Далла хьалха хІора шарахь аша а, шун доьзало а даалаш и дийнаташ Везачу Эло Шена хоржур йолчу меттехь. 21Нагахь санна оцу дийнатех цхьанна тІехь цхьа айп делахь, астагІа я бІаьрзе иза хилахь, я муьлхха а кхин тайпа айп долуш хилахь, шайн Везачу Далла сагІина лерина дІа ма ло иза. 22Амма шайн гІаланашкахь даалаш цуьнан жижиг. Иза Далла гергахь цІена волчо а, цІена воцучо а даа мегар ду, масаран я сен жижиг санна. 23Амма цуьнан цІий ма даалаш. Иза, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш».

 

Пасахьан дезачу денойх лаьцна

 

(Арадаккхар 12:1-20)

 

16

 

1«Абиб[4] олучу баттахь шайн Везачу Далла лерина Пасахьан деза денош дазде, хІунда аьлча оцу беттан цхьана буьйсанна шун Везачу Дала Мисар-махкара арадаьхнера шу. 2Везачу Эло Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь, шун Везачу Далла лерина долу Пасахьан сагІа санна, шайн жех я бежанех цхьана дийнатна урс хьакха. 3Цуьнан жижигца совсийна хІума ма яалаш. ВорхІ дийнахь совсоза баьпкаш даалаш цуьнца, баланийн долу баьпкаш, хІунда аьлча шу сиха арадевллера Мисар-махкара. Даалаш и баьпкаш, дуьнен чохь шу мел деха шаьш арадовлар шайна диц ца далийта. 4ВорхІ дийнахь шун махкахь цхьанхьа а совсуьйту цхьа а хІума каро ца еза. Хьалхарчу дийнахь, суьйранна, сагІа даккха, ткъа жижигах долу цхьа а дакъа Іуьйренга ма далийта.
5Шун Везачу Дала шайна лун йолчу гІаланийн цхьанна а чохь Пасахьан сагІина лерина долчу дийнатна урс хьокхийла дац шун. 6Шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь бен Пасахьан дийнатна урс ма хьакхалаш, сарахь, малх дІабузучу хенахь, шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь. 7Шун Везачу Дала къастор йолчу оцу меттехь дийнатан жижиг кхехка а делаш, иза даа а даалаш. Ткъа шолгІачу дийнахь шайн четарш чу юхадерза йиш ю шун. 8Ялх дийнахь совсаза долу баьпкаш даа, ткъа ворхІалгІачу дийнахь шайн Везачу Далла беза гулам дІахІоттабе. Оцу дийнахь цхьа а болх ма бе».

 

Ялта чудерзоран деза де

 

(Арадаккхар 34:22;Іамалъяр 23:15-21)

 

9«Маьрсаца кІа хьокхучу хьалхарчу денна тІера ворхІ кІира дагарде. 10Цул тІаьхьа шайн Везачу Далла лерина ШавуІот цІе йолу дезде дазделаш, шайн лаамца долу сагІа а доккхуш, шайн Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина. 11Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. 12Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар дагахь латтаде. Цундела и парзаш лар а де, уьш кхочуш а де».

 

Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош

 

(Іамалъяр 23:33-43)

 

13«Кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош ворхІ дийнахь дазде, шаьш аренаш тІера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагІар схьадаьккхина девлча а. 14Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. 15ВорхІ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хІунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тІехь а, шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а декъалдина ду шу.
16Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. 17ХІорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгІат карахь а дахьаш ван веза».

 

Кхелъяр

 

18«Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гІаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тІехьовсурш а дІахІиттабе. Иза де цаьрга халкъана тІехь нийса кхел яйтархьама. 19Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. 20Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а.
21Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш 22Харцделанашна а тІулгаш дІа ма хІиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду».

 

 

17

 

1«Шайн Везачу Далла сагІина сакхт долу, я кхин заралла долу сту я уьстагІ ма балаш, хІунда аьлча иза Цунна дегаза хета. Иза Везачу Далла хьалха дегаза ду.
2Нагахь санна шун Везачу Дала шуна луш йолчу цхьана гІалахь, Делаца бина барт а бохош, Цунна зуламе хеташ дерг дина цхьа стаг я зуда хилахь, 3нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, 4ткъа шуьга царах лаьцна хаам а беана, шуна иза схьахазахь, аша и гІуллакх леррина талла деза. Нагахь санна и дегаза хІума исраилхошна юкъахь далийтина хилар билггал бакъ хилахь, 5аша и зулам дина волу стаг я зуда гІалин кевнашна арахула тІе а валавай, иза валлалц цунна тІе тІулгаш кхисса. 6Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. 7Тоьшалла деш болчеран куьйгаш массерачул а хьалха хьалаайина хила деза и стаг вен, цул тІаьхьа дерриге а халкъо царна тІулгаш кхисса деза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха.
8Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. 9Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. 10И гІуллакх Везачу Эло къастор йолчу меттехь, цара ма-аллара, чекх а даккха, цара шайна хьехнарг дерриг а кхочушдан а хьажа. 11Цара шайна хьехначу хьехамашца а, цара тІедиллинчуьнца а лелалаш. Цара аьллачунна тІера я аьтту, я аьрру агІор ма довлалаш. 12Ткъа цигахь шун Везачу Далла гІуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кІоршаме леларг вен веза. Иштта дІадаккха исраилхошна юкъара зулам. 13Иза дерриге а халкъана дІахезар ду. Нах кхералур бу, уьш кхидІа кІоршаме лелар бац».

 

Паччахьах лаьцна долу весет

 

14«Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тІехь паччахь дІахІоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хІоттаварра“. 15Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дІахІоттавелаш шайна тІехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тІехь паччахь дІахІоттавойла дац. 16Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. 17Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. 18Амма шен паччахьаллин гІанта тІе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тІера хІара товрат-хьехамаш шена дІаязбан беза цо. 19И дІаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Іамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а. 20Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тІера дІа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агІор, иза а, цуьнан кІентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тІехь паччахьалла деш хилийтархьама».

 

18

 

Дахарехь динан дайн декъах лаьцна

 

1«Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагІанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. 2Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара.
3Стерчий я уьстагІий сагІина деанчу наха динан дайшна дІаяла еза цу дийнатийн хІара меженаш: тІа а, мочхалш а, искиртиг а. 4Иштта дуьххьара гулдина ялта а, даьккхина чагІар а, даьтта а, уьстагІашна тІера дуьххьара лергина тІаргІа а дІало царна. 5ХІунда аьлча шун Везачу Дала къастийна уьш шуна юкъара, Шена хьалха а лаьтташ, цара а, церан тІаьхьено а Везачу Элан дуьхьа гІуллакх дархьама.
6Муьлхха а левихо, ша Іийначу гІали чуьра Исраилан мехкан мичча а меттера дІа а вахана, Везачу Эло къастийначу метте шен деган лаамца ван йиш йолуш ву. 7Цигахь Везачу Элана Іамал еш болу шен вежарий левихой санна, шен Везачу Далла гІуллакх деш иза велахь, 8вукху левихоша санна, цхьатерра дакъа схьаэца йиш ю цуьнан, шен ден бахам боьхкина эцначул совдаьккхина».

 

Кхечу къаьмнийн нехан гІиллакхех ларвалар

 

9«Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гІуллакхаш дан ма Іамалаш. 10Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, 11адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. 12ХІунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гІуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дІалохку Цо и халкъаш, церан боьха гІуллакхаш бахьана долуш. 13Шайн Везачу Далла хьалха цІена хила».

 

Пайхамар воуьйтур ву аьлла, ваІда дар

 

14«Аш дІалохкур долчу цу халкъаша пал тосучаьрга а, бозбунчашка а ладугІу, ткъа шун Везачу Дала шуна иза дан пурба ца делла. 15Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа.
16Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хІунда аьлча шаьш Хьариб-лам тІехь гулделлачохь аш дехна: „ХІинца чул тІаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хІара сийлахь цІе а ма гойла тхуна, тхо хІаллак ца хилархьама!“ – бохуш. 17Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. 18Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. 19Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгІначуьнгара Ас жоп доьхур ду. 20Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“.
21Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“ 22Нагахь пайхамаро Везачу Элан цІарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»

 

ДІалочкъийла йолу гІаланаш

 

(Лелар 35:9-34;ЮшаІ 20:1-9)

 

19

 

1«Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тІера къаьмнаш хІаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гІаланашкахь а, цІеношкахь а даха а ховшур ду шу. 2ТІаккха шун Везачу Дала шуна дІалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гІала дІакъастае. 3Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хІора декъа чохь дІакъастийна йолчу гІалина тІедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дІавада аьтто хилийтархьама. 4Шен са кІелхьардаккхархьама, оцу гІаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагІалла а доцуш. 5Масала шух шиъ хьуьнах вогІу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тІера а даьлла, шолгІачу стагана тІе а кхетта, иза вен тарло. ДІалочкъийла йолчу гІаланех цхьанхьа дІавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама. 6И гІаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чІир йоькхучо, ша оьгІазвахханчохь, стаг вийначунна тІаьхьа а ваьлла, цунна тІе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогІу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагІалла долуш ца хилла дела. 7Цундела дина ас хІара омра: „Шайна кхо гІала дІакъастае“, – аьлла.
8-9Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) 10Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цІий ца Іанадайтархьама а, шуна тІехь цІий ца хилийтархьама а.
11Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, 12тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама. 13Шун бІаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цІий Іанор дІадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама».

 

Латта лачкъорах а, харцтоьшалла дечех а лаьцна

 

14«Шайн Везачу Дала шун дола дІалуш долчу лаьтта тІехь а долу, шуна кхочуш долу дакъа дІакъастош а долу, шайн дайша дІахІоттийна а долу шира доза дІа ма хиладе.
15Нагахь санна муьлхха а къа латорна тІехь я зулам дарна тІехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац 16Нагахь санна мекара тоьшалла деш волу цхьаъ цхьанна дуьхьалвалахь, цо Іесалла ялийтина иза бехке а веш, 17тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. 18И гІуллакх кхел ечара дикка талла деза. Нагахь санна и тоьшалла деш верг харцлуьйш а велахь, цо шен къомах волчунна харцтоьшалла а динехь, 19тІаккха шен къомах волчунна дан цунна дагадеанарг цунна а делаш. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. 20Иза кхечарна дІахезар ду, тІаккха уьш кхералур бу, иштта зулам шуна юкъахь кхин долуьйтур дац. 21Къа ма хетийла цунах шун бІаьргашна: синах са даккха догІу, хьайн бІаьрг баккхахь, цунна дуьхьал бІаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха, куьйгах – куьг, когах – ког».

 

20

 

ТІемах лаьцна тІедиллинарг

 

1«Шайн мостагІашна дуьхьал тІом бан шу доьлхуш шун чул дукха йолу церан говраш, гІудалкхаш, тІемалой шайна гича, кхера ма лолаш, хІунда аьлча Мисар-махкара шу арадаьхна волу шун Веза Дела шуьца ву. 2Шу тІаме новкъа довлуш, динан дас, хьалха а ваьлла, халкъе иштта ала деза: 3„ЛадогІа соьга, Исраилан халкъ! Аша тахана шайн мостагІчуьнца тІом дІаболош бу. Доьналлех ма довлалаш, ма кхералаш, царах ма озалолаш, Іадийна ма хилалаш! 4ХІунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагІчух тасадала шуна гІо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“.
5ТІехьовсучара эскаре иштта дІахьедан деза: „Керла цІа дІа а хІоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цІа юхаверза. Иза тІамехь вен тарло, тІаккха цуьнан цІа кхечу стага къобалдийр ду. 6Кемсийн беш а йоьгІна, цунна тІера стом схьа ца баьккхинарг а шен цІа юхаверза. ХІунда аьлча иза тІамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах. 7Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цІа юхаверза. ХІунда аьлча иза тІамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“.
8ТІехьовсучара кхин а иштта дІахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цІа верза, кхечу тІемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кІеда ца хилийтархьама“. 9Эскаре къамел дина девллачул тІаьхьа, тІеман хьаькамаш схьахаржа, уьш тІемалошна хьалха бовлийтархьама.
10Шаьш цхьа гІала дІалацархьама цунна герга даьхкича, цкъа хьалха барт бан хьовсалаш. 11Нагахь санна, реза а хилла, цара гІалин ков дІаделлахь, оцу гІалахь мел болчарах шун леш хир бу, ткъа аша цаьрга белхаш бойтур бу. 12Нагахь санна, реза а ца хилла, цара шуьца тІом дІаболабахь, аша цу гІалина го белаш. 13Шун Везачу Дала и гІала шун кара схьаелча, цуьнан боьрша нах берриш а хІаллакбе туьран ираллица. 14Амма цуьнан ерриг а хІонс (зударий а, бераш а, даьхни а, гІалахь мел дерг а) шайна схьа а эций, шун Везачу Дала шун кара яийтинчу мостагІийн хІонсах шайна пайда эцалаш. 15Оцу кепара аша дан деза шайна уллорачу къаьмнийн долахь йоцучу а, шуна дикка гена йолчу а массо а гІаланашна.
16Ткъа шун Везачу Дала шун дола схьалуш долчу лаьттахь йолчу гІаланашкахь цхьа а чохь са долу хІума дийна ма йиталаш. 17Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, Цунна дІа а къастадай, хІара халкъаш кхоччуш дакъазадаха: хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 18Иза делаш, шайн деланашна цара лелош долу дегаза гІуллакхаш дан шайна цаьрга Іама а дойтуш, шайн Везачу Далла дуьхьал къа ца латорхьама.
19Нагахь санна, толам а баьккхина, шайна схьаяккхархьама, цхьа гІала го бина аша дукха латтаяхь, оцу гІалин дитташ, шуна баа стом лун дерш, ма дохаделаш. Дагарца ма хададелаш и дитташ. Аренгахь лаьтташ долу дитт адам ма дац, шу тІелата дезаш долу. 20Шайна девзаш долу баа мега стом луш доцу дитташ дохо а, дІахадо а мегар ду, шайца тІом беш йолчу гІалина дуьхьал чІагІонаш дІахІитторхьама, шаьш цунна тІехь толам баккхалц».

 

21

 

Гучудахаза долу адамаш дайарш

 

1«Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Іуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь, 2шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Іуьллучу меттигна тІера гонахарчу гІаланашна тІекхаччалц йолу юкъ юста еза. 3Велларг Іуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гІалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар. 4И шинар оцу гІалин къаноша дІадига деза ахказа а, дІаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогІене. Оцу тогІи чохь шинаран ворта кагъян еза. 5Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а. 6Веллачун юххехь йолчу оцу гІалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогІи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тІехула а лоцуш. 7Цара, дІа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Іанийна дац хІара цІий, тхан бІаьргашна гина хІума а дац хІара. 8Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргІатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дІадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цІий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТІаккха цІий Іаноран къа царна тІера дІадаьккхина хир ду. 9Иштта дІадаккха бехк боцучун цІий шайна тІера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».

 

Йийсарехь болчу зударех лаьцна

 

10«Шайн мостагІашна дуьхьал шу тІом бан дахча, шун Везачу Дала уьш шун кара схьабелча, аш царна йийсар дича, 11оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагІахь, 12оцу стага иза шен цІа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дІа а ларгийта, мІараш дІа а хедаяйта. 13Шена тІехь йолу йийсархочун бедарш а дІаяхийта цуьнга. Цо иза шен кертахь Іайта. Цхьана баттахь шен дена а, шен нанна а белхар дайта цуьнга. Цул тІаьхьа оцу стеган йиш хир ю, цунах куьг а тоьхна, цуьнан майра хила. ТІаккха иза цуьнан зуда хир ю. 14Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дІаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дІайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».

 

Дуьххьарлерчу боьршачу доьзалхочун бакъо

 

15«Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь – езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, – ткъа оцу шинна а зудчун – езаш йолчун а, езаш йоцучун а, – кІентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кІант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь, 16тІаккха, кІенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кІантера езачу зудчун кІантана дІадала дуьххьарлера доьзалхо хилар. 17Ца езачу зудчун кІант цо дуьххьарлера кІант лара веза. Шен мел долчу хІуманан ши дакъа цо цунна дІадала деза, хІунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».

 

МуьтІахь воцучу кІантах лаьцна

 

18«Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугІуш юхахьара а, аьрха а кІант велахь, дас-нанас шена таІзар дича а, иза ладугІуш а вацахь, 19цуьнан дас-нанас иза шайн гІалин къаношна тІевало веза, шаьш дехачу гІалин кевнехь кхел яйта. 20Дас-нанас шайн гІалин къаношка иштта дІаала деза: „ХІара тхан кІант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хІара ладугІуш а вац, хІара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“. 21Цул тІаьхьа цуьнан гІаларчу бахархошка иза валлалц цунна тІулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Иза дІа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».

 

Оьздангаллин парзаш

 

22«Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тІаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь, 23цу докъе дитта тІехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дІаволла, хІунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неІалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».

 

 

22

 

1«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагІ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза. 2Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тІаьхьа цунна дІало иза. 3Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хІуманца. Оцу тІера шун дІадовлийла дац.
4Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагІаттабе иза.
5Зударшна тІехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хІунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета.
6Нагахь санна некъ беш цхьана дитта тІехь я лаьтта тІехь чохь кІорнеш я хІоаш долу олхазаран бен шуна нислахь, ткъа церан нана оцу кІорнеш тІе я хІоаш тІе хиъна хилахь, и нана кІорнешца цхьаьна схьа ма эцалаш. 7КІорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дІахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.
8Нагахь санна керла цІа дІахІоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тІехь керт дІахІоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тІера цхьаъ охьакхетахь, шайн цІенна цІий ца хьарчийтархьама.
9Шайн кемсийн бешахь кхечу хІуманийн хІуш ма де. Аша кхечу хІуманийн хІуш цигахь дехь, дерриг а ялта – аша дийнарг а, кемсийн стоьмаш а – аша шайна схьагулдан мегар дац.
10Сту а, вир а цхьаьна дІа ма йожа, цаьрца охана дархьама.
11Шайна тІе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу.
12Шаьш тІетосучу хІуманна еа а маьІІе чечакхаш тІетега».

 

Маренца йоьзна йолу цІеналла

 

13«Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тІаьхьа и зуда чІогІа еза а ца елла, 14цунна дуьхьал телхина гІуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цІе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хІара зуда ялийнера, амма иза йоІстаг ца хилла“, – алахь, 15оцу кхиъначу йоІан дас-нанас шайн йоІ йоІстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гІалин къаношка дІагайта еза гІалин кевнехь. 16Оцу йоІан дас къаношка иштта дІаала: „Сайн йоІ аса хІокху стаге маре дІаелла, ткъа хІинца иза цунна ца еза. 17Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоІ йоІстаг хилар’. ХІара ю сан йоІ йоІстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хІума гІалин къаношна хьалха охьаюьллур ю. 18Ткъа гІалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таІзар дийр ду. 19Оцу стагана бІе шекхал дети далар тІедуьллур ду. И ахча йоІан дена дІалур ду, исраилхойн йоІах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дІакъастар.
20Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоІ йоІстаг ца хилахь, 21тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха.
22Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дІадаккха.
23Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гІалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь, 24и ший а оцу гІалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тІулгаш кхисса: йоІ е, цо гІалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана – цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха.
25Нагахь санна захало дийцина йолчу йоІана арахь цхьаъ дуьхьал а ваьлла, катоьхна схьа а лаьцна, и йоІ цо хьийзинехь, тІаккха цуьнца хилла волу и стаг бен вен ца веза, 26ткъа йоІана хІумма а ма де: оцу йоІана тІехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХІунда аьлча иштта дина хІума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду. 27Цо и йоІ аренгахь схьалаьцна, йоІа мохь мел хьекхарх, иза кІелхьаръяккха стаг ца хилла цигахь.
28Нагахь санна, цхьамма захало дийцина йоцучу йоІана дуьхьал а ваьлла, схьа а лаьцна, иза хьийзича, и хІума гучудалахь, 29тІаккха оцу йоІаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дІакъаста дихкина ду оцу стагана.
30Цхьаммо а шен ден кхин зуда йига а ца еза, и дарца шен ден дІавуьжу мотт сийсаз а беш».

 

23

 

Везачу Элан халкъах дІакъастор

 

1«Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дІахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц. 2КъотІалгІавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига ваха.
3Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. 4ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. 5Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиІаме ладогІа. Шун Везачу Дала цуьнан неІалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела. 6Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хІумма а ма делаш.
7Эдомхой дІа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тІехь тІедаьхкина Іийна дела. 8Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгІачу тІаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».

 

Меттамотт дІахІоттийначохь цІано латторах лаьцна

 

9«Шайн мостагІашна тІе тІамца шаьш дахча, Далла хьалха цІена мел доцучух ларлолаш. 10Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цІена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза. 11Суьйре тІееача, цо шен дегІ хица дила деза. Цул тІаьхьа, малх дІабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.
12Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю. 13Шуьгахь герзал сов белаш хила еза, меттаматтара ара а довлий, шайна нишке даха белаца кІаг баккха, цул тІаьхьа шайгара даьлларг белаца къайладаккха. 14ХІунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагІий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цІена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дІа ца верзийтархьама».

 

ТІедехкина парзаш

 

15«Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагІахь, иза олахочунна дІа ма ло. 16Шайн гІаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цІа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гІело ма е.
17Исраилхойн йоІарех цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кІенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца леларг. 18Далла дина ваІда такхархьама, цІуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цІуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цІа чу ма далаш, хІунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.
19Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хІуманна а тІе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. 20Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.
21Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. 22Нагахь санна аша чІагІо ца йинехь, шуна тІехь къа хир дац. 23Шайн баганца шаьш шайн лаамца чІагІо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чІагІо йина дела.
24Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегІи чу ма яхка уьш. 25Шайн уллорачун кха тІе шаьш даьхкича, цу тІера кІен кенаш куьйгашца схьадаха мегар ду, амма шайн уллорачун кха тІехь марс ма хьакха».

 

24

 

ДІакъаьстина зуда юха маре яхарх лаьцна

 

1«Масала, цхьаъ, зуда а ялийна, цуьнан майра хилира, ткъа цул тІаьхьа, цуьнца доьзна долу эхье хІума а карийна, иза цунна ца езаелира. Цунах дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, иза цуьнга дІа а делла, цо и зуда шен цІенна тІера дІайохуьйту. 2И зуда, цуьнан цІенна тІера дІа а яхана, кхечуьнга маре яха мегар ду. 3Амма, масала, иза шолгІачу майрачунна а еза ца еллехь, цуьнца дІасакъастарх лаьцна йозанца тоьшалла а дина, цуьнга дІа а делла, и зуда шен цІа чуьра арахоьцу. Я, масала, и шолгІа майра дІакхалха мега. 4ХІета, цуьнан дуьххьарлера майра хиллачу стеган иза шена юхайига бакъо яц, иза бехъелла дела. Шун Везачу Далла хьалха иза дегаза хІума ду. Шайн Везачу Дала шуна дола луш долу латта сийсаз ма даккха».

 

Хьехамаш

 

5«Нагахь санна цхьаммо зуда ялийна дукха хан яцахь, иза тІаме ваха а ца веза, цхьа а хІума цунна тІедилла а ца деза. Иза цхьана шарахь паргІат шен цІахь вита, шен зудчун самукъа а доккхуш.
6Цхьаммо а кІа ору лакхара я лахара болу хьеран тІулг закъалтана схьаэца ца беза, хІунда аьлча ишттадерг дечо закъалтана стеган са схьаоьцу.
7Нагахь санна шен къомах волу исраилхойн стаг цхьаммо лачкъа а вина, цунах лай а вина, иза воьхкинехь, иштта волу къу вен веза. Цу тайпана дІадаккха шайна юкъара зулам.
8Варелаш, кхераме чкъуран цамгар кхеттехь, левихойх болчу динан дайша шайна мел хьехнарг леррина кхочушделаш. Ас царна тІедиллинарг а леррина кхочушделаш. 9Дагадаийталаш шайн Везачу Дала шу Мисар-махкара арадевлла догІучу хенахь Маремана динарг.
10Нагахь санна шух цхьаммо шен уллорачунна юхалург цхьа хІума еллехь, цуьнан цІа чу ма гІо, цуьнгара закъалт схьаэцархьама. 11Шу арахь совца, ткъа шуьгара юхалург хІума яьхьначуьнга закъалтана шуьга луш ерг шега араяккхийта. 12Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тІехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дІа ма дийшалаш. 13Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тІехь а йолуш дІадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду.
14Ваца ма велаш къен а, миска а волу йолах лаьцна верг, шайн къомах волу исраилхо я шайн гІаланех цхьанна чохь Іаш волу тІевеанарг иза велахь а. 15Цунна дІабала беза мах цо болх бинчу дийнахь малх чубузале дІало. Иза къен волу дела, и ахча цунна оьшуш ду вахархьама. Иза де, цуьнга Везачу Эле Іаткъам а байтина, шайх къа ца хьарчийтархьама.
16Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Іожаллин таІзар догІу зулам далийтина хІорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза.
17ТІевеанчунна а, бона а нийса кхелъяр ма талхаделаш, ткъа йисинчу зудчун тІехулара бедар закъалтана схьа а ма эцалаш. 18Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар, ткъа шун Везачу Дала шу цигара паргІатдаьхна хилар. Цундела тІедуьллу ас хІара кхочушдар.
19Шун кха тІехь ялта чудерзош шуна цхьа цІов бицлахь, иза схьаэца юха ма дерзалаш. Иза тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а бита, аша мел деш долчу гІуллакхаш тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. 20Шайн зайт-дитташ тІера стоьмаш охьаэгийча, юха ма дерза, кхин а цкъа гаьннашна гІаж еттархьама. Дисинарг дита уьш тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а. 21Шайн кемсийн бешара стоьмаш схьадохуш, йисина кемсаш схьа ма яха. ТІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а йита уьш. 22Дагахь латтаде Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар. Аса цундела тІедуьллу шуна хІара дар».

 

 

25

 

1«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хІума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза. 2Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза. 3Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бІаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьІаьржачу ца хІоттийтархьама.
4Оручу стеран бат дІа ма къовла».

 

Веллачу вешина лерина долу декхар

 

5«Нагахь санна цхьаьна Іаш болчу вежарех кІант воцу цхьа ваша дІакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. 6Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тІаьхье йиц ца ялийтархьама. 7Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гІалин кевне яха еза къаношна тІе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тІаьхье дІаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“. 8ТІаккха гІалин къаноша, и стаг тІе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, – алахь, 9цуьнан несо, цунна тІе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тІе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цІа меттахІотто лууш воцчунна до“. 10ТІаккха цуьнан цІенна исраилхошна юкъахь цІе туьллур ю „Мача дІаяьккхинчун цІа“, – аьлла».

 

Кхиболу хьехамаш

 

11«Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тІе а еана, шен куьг дІа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь, 12цуьнан куьг дІахададе. Цунах къа ма хеталаш.
13Шун тІоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а. 14Шун цІа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а. 15Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цІена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. 16ХІунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».

 

Іамалекхахойх лаьцна тІедиллинарг

 

17«Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогІуш Іамалекхахоша шайна динарг: 18новкъахь уьш шуна тІелетира. Новкъахь шу кІадделла а, хІиттина а долчу хенахь, шуна тІехьа богІучу гІелбеллачарна тІелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара. 19Иштта шун Везачу Дала массо а агІор шун мостагІех шаьш паргІатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тІехь Іамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кІелара дІадаккхалаш, иза диц ма делаш».

 

26

 

Дуьххьарлера ялта сагІина лерина далар

 

1«Шун Везачу Дала шуна кхочуьйтур долчу лаьтта тІе а даьхкина, и латта шайн дола а даьккхина, шу цигахь даха охьахевшича, 2шун Везачу Дала шуна луш болчу мехкан лаьтто кхиийна мел долчунна тІера дуьххьарлерчух цхьадерг, схьа а эцна, тускар чу дилла. Цаьрца шун Везачу Дала Ша Іайтархьама къастор йолчу метте дІагІо. 3Оцу деношкахь гІуллакх деш хин волчу динан дена тІе а гІой, аш иштта дІаала: „Ас тахана шун Везачу Далла хьалха дІахьедо, Везачу Эло тхан дайшна, ваІда а дина, лур ду аьллачу лаьтта тІе со схьавеана хилар“, – алий.
4Динан дас и тускар, шун карара схьа а эцна, шун Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоттор ду. 5Ткъа аша, дІахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дІаала: „Сан ворхІе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кІеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. 6Амма мисархой тхоьца къиза бара, цара тхуна гІело а йора, тхоьга хала белхаш а бойтура. 7Оха тхайн дайн Дела волчу Везачу Эле маьхьарца дийхира. Тхан мохь Везачу Элана дІахезира. Цунна гира оха бала хьегар а, тхан хала белхаш а, тхуна еш йолу гІело а. 8ТІаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тІекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гІуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. 9ХІокху метте схьа а далийна, хІара шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта тхуна схьаделира Цо. 10Ткъа хІинца, Веза Эла, Ахь суна схьаделлачу лаьтто кхиийначу дуьххьарлерниг Хьуна деана ас“.
Иштта а алий, и тускар охьа а диллий, шайн Везачу Далла суждане гІо. 11ТІаккха шун Везачу Дала шуна а, шун цІенна а деллачу рицкъах даккхийде – шу а, левихой а, шуна юкъахь Іаш болу тІебаьхкина нах а.
12Шун лаьтто схьаделлачух массо а хІуманах уьтталгІа дакъа дІакъастийча, кхозлагІчу шарахь, уьтталгІа дакъа дІадаларна леринчу шарахь, иза левихочунна а, тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дІало, цаьрга шайн гІаланашкахь юург яийтархьама а, уьш бузийтархьама а. 13Цул тІаьхьа шун Везачу Далла хьалха иштта ала: „Хьуна дІакъастийна мел долу хІума сайн цІенна тІера схьа а эцна, иза левихочунна а, тІевеанчунна а, бона а, йисинчу зудчунна а дІаделла ас, Ахь суна тІедехкинчу Хьан дерриге а весеташа ма-бохху. Ас Хьан весеташ талха а ца дина, ас уьш диц а ца дина. 14Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дІакъастийначух хІумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цІена воцучу хенахь царах хІумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хІумма а веллачунна сагІина дІа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтІахь хилира со. Ахь суна тІе мел диллинарг кхочушдира ас. 15Хьо Іаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чІагІо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“».

 

Везачу Элан долахь долу халкъ

 

16«ХІокху дийнахь шун Везачу Дала весет до шуьга, хІара парзаш а, тІедехкинарш а кхочушде аьлла. Мел долчу даггара а, шайн мел долчу синца а кхочушделаш уьш. 17Аша тахана шайн Везачу Эле дІахаийтина, Иза шун Дела вуйла а, Цуьнан некъашца шу лелар дуйла а, Цуьнан парзаш а, весеташ а, тІедехкинарш а аша лардийр дуйла а, Цуьнан озе шаьш ладугІур дуйла а. 18Везачу Эло тахана чІагІо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхІар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза. 19Цо чІагІо йина, Ша мел кхоьллинчу халкъел шу лакхара а дина, сий а, сийлалла а, исбаьхьалла а долуш дІахІиттор ду аьлла. Хьан Везачу Далла хьалха, Цо ма-аллара, деза халкъ хир ду хьо».

 

27

 

ТІулгашна тІехь товрат-хьехам дІаязбар

 

1Мусас а, исраилхойн динан дайша а халкъана весет дира, иштта а олуш: «Ас тахана шайна тІе мел дуьллуш долу весеташ кхочушделаш. 2Шун Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе доьлхуш шаьш Йордан-хих дехьадевлча, цигахь шайна даккхий тІулгаш дІа а хІиттадай, царна кир тоха. 3ТІаккха шун дайн Везачу Дала, шун дайшка шуна лур ду аьлла ма-хиллара, шун дола луш долчу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе довлархьама, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тІулгаш тІе дІаязде. 4И тІулгаш, ас тахана шайна тІе-ма-диллара, шаьш Йордан-хих дехьадевлча, Іейбал-лам тІе дІа а хІиттаде, царна тІе кир а тоха. 5Цигахь шайн Везачу Далла лерина аьчка гІирсаца ца хьаькхначу тІулгех сагІа доккху меттиг кечъе. 6И меттиг, дийнначу тІулгех а кечъяй, дІахІоттае, оцу тІехь шайн Везачу Далла лерина сагІанаш даха. 7Цигахь шайн Везачу Далла хьалха бертан сагІанаш а дахий, уьш дууш, даккхийдеш лела. 8ХІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тІулгаш тІехь дІаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа».
9Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогІа соьга! ХІокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла. 10ХІинца шайн Везачу Делан озе ладогІа, тахана ас шайга дІахьедеш долу Цуьнан весеташ а, парзаш а кхочушде».

 

Деле ла ца догІарна неІалт кхайкхор

 

11Оцу дийнахь Мусас, иштта а олуш, халкъана тІедиллира: 12«Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тІехь хІара тайпанаш дІахІитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимІин, Левин, ЯхІудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. 13Ткъа неІалташ дІакхайкхадайтархьама Іейбал-лам тІехь дІахІитто деза: Раабанан, Гадин, Ашаран, Забулан, Данан, Напталан тайпанаш. 14Айдинчу озаца дІакхайкхош левихоша массо а исраилхошка иштта эр ду:
15„НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“.
Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“
16„НеІалт хуьлда шен да я нана сийсаздаьккхинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
17„НеІалт хуьлда шен уллорачун дозанаш талхош волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
18„НеІалт хуьлда бІаьрзениг некъа тІера галвоккхучунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
19„НеІалт хуьлда тІевеанчунна а, я бона а, я йисинчу зудчунна а нийса кхелъяр талхош волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
20„НеІалт хуьлда шен ден зудчуьнца вижинчунна, шен ден дІавуьжу мотт цо сийсазбаьккхина дела!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
21„НеІалт хуьлда хьайбанца дІавижинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
22„НеІалт хуьлда шен йишех, шен дена йинчу я шен нанас йинчу йоІах куьг тоьхначунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
23„НеІалт хуьлда шен стунненаца вижинчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
24„НеІалт хуьлда къайлаха шен уллораниг вуьйш волчунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
25„НеІалт хуьлда, бехк боцучу стеган цІий Іанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“
26„НеІалт хуьлда хІоранна а, хІокху товрат-хьехамийн дешнаш кхочуш а ца деш, уьш чІагІ ца дечунна!“
Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“»

 

МуьтІахь хиларна декъалвар

 

(Іамалъяр 26:3-13;Карлабаьккхинарг 7:12-24)

 

28

 

1«Шу шайн Везачу Деле ладугІуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тІедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ. 2Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:
3ГІалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
6Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.
7Шуна дуьхьалгІевттина мостагІий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхІ новкъахула шух бовдур бу уьш.
8Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.
9Шун Везачу Дала тІедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чІагІо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. 10ТІаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цІе шуна тІехь хилар а гина. 11Везачу Эло шуна массо а дикачу хІуманна тІехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чІагІо йинчу лаьтта тІехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. 12Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. 13Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. 14Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама».

 

МуьтІахь ца хилча деш долу таІзар

 

(Іамалъяр 26:14-46)

 

15«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу:
16НеІалт хир ду шуна гІалахь а, арахь а.
17НеІалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.
18НеІалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагІех а схьадаьллачу дохканна а.
19НеІалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.
20Шена тІера шу дІадерзарна, аш дечу муьлххачу гІуллакха тІехь Везачу Эло неІалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. 21Шун доладан тІедоьлхуш долчу лаьтта тІера Ша хІаллакдина дІадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна. 22Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. 23Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. 24ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц.
25Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. 26Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дІакъахкош стаг а воцуш. 27Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. 28Везачу Эло хьерадовлар а, бІарздалар а, Іадор а хуьлуьйтур ду шуна. 29Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. 30Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. 31Шун старана шун бІаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дІа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагІий мостагІашна дІалур ду, цхьаммо а гІо доккхур дац шуьгахьа. 32Шун кІентий а, йоІарий а кхечу халкъана дІалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бІаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. 33Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаІийна а хир ду шу. 34Шайн бІаьргашна гучух хьерадевр ду шу. 35Голаш тІехь а, настарш тІехь а, когийн айраш тІера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьІнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.
36Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. 37Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.
38Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. 39Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. 40Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тІехь, амма даьтта хир дац шун, хІунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш. 41КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. 42Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цІазо хІаллакдийр ду. 43Шуна юкъахь Іаш волу тІевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. 44Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цІоганехь.
45И дерриг а неІалташ шуна тІехь хир ду, шуна тІера девр а дац уьш, шу хІаллакьхилла дІадовллалц, хІунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгІира, Цо тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира. 46Шуна а, шун тІаьхьенна а тІехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таІзар даран билгало хилла лаьттар ду и неІалташ. 47Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Іамал ца ярна хир ду иза шуна. 48Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. 49Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. 50И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. 51Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагІар а, даьтта а, стерчий а, уьстагІий а дуьтур дац цара, шу хІаллакдаллалц. 52Шун массо а гІалина тІе а летта, дерриг а шун лаьтта тІера шун бІобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тІехь ерриг а шун гІаланашна тІелетар бу уьш.
53Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. 54Шуна юкъахь хьолехь Іийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а. 55Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хІунда аьлча цуьнан хІумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагІаша массо а гІаланашкахь шу балане лаьцча. 56Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Іийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Іарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кІанте а, йоІе а. 57Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегІах схьакъаьстина беран цІа а лур дац цо нахана, хІунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагІаша шайн гІаланашкахь шу балане лаьцча.
58Кху тептар тІехь яздина тІедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цІарах шу ца кхерахь, 59Везачу Эло шуна а, шун тІаьхьенна а хала а, инзаре а, дІа ца доьрзу а ун а, луьра а, дІа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю. 60Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух. 61Кху тептар тІехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хІаллакдина дІадовллалц. 62Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кІеззиг бен дуьсур дац шу, хІунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгІи аш. 63Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.
64Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. 65Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаІа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бІаьргашкахь кІаддалар а латтор ду шуна. 66Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бІобулуш хир дац шу. 67Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бІаьргашна гуш долчунна а Іуьйранна аш эр ду: „Суьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Іуьйре тІекхачахьара-кх!“ – аьлла. 68Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».

 

29

 

Муаби-махкахь Везачу Элаца бина барт

 

1Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тІебиллина болчу бертан тІедожораш ду хІорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.
2Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирІунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг. 3Шайн бІаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гІуллакхаш а. 4Амма Везачу Эло таханлера де тІекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бІаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама. 5Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тІера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира. 6Аша бепиг а ца доура, аша чагІар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“. 7ХІокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гІалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ІовгІа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра. 8Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай. 9ХІокху бертан тІедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугІуш хилалаш, аша мел ден долчунна тІехь шайн кхиамаш хилийтархьама.
10Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, – шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тІехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий, 11шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тІера шун хи кхоьхьуш волчунна тІекхаччалц болу шун меттаматтахь Іаш болу тІебаьхкина нах. 12Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тІедожораш дІаэцархьама а, 13тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чІагІо ма-ярра а. 14Цо хІара барт бар а, цуьнан тІедожораш дІаэцар а деккъа шуьца дина ца Іа. 15Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Іаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.
16Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а. 17Шуна гира дечигах а, тІулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цІуш. 18Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам. 19Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хІокху бертан тІедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, – бохуш. Иштта хІаллакьхир ду дерриг а халкъ. 20Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера. 21Везачу Эло хІаллакьхиларна дІакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тІерачу неІалташа ма-бохху.
22Шул тІаьхьа тІекхуьучу тІаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хІара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гІелбар а гур ду. 23Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. 24Массо а халкъаша эр ду: „ХІун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чІогІа цІе хІунда яьлла?“ 25Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дІа а тесна, 26бахана, кхечу деланашна гІуллакх деш а бу, царна Іибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Іамал ян. 27Цундела хІокху лаьттах Везачу Элан оьгІазлонан цІе яьлла, Цо хІокху тептар тІе яздинчу бертан дерриг а неІалташ царна тІе хьажийна. 28Уьш Везачу Эло Шен чІогІачу оьгІазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тІера дІа а даьхна, кхечу лаьтта тІе кхийсина, хІинца вайна гуш ма-дарра“.
29Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дІаделладелларг – иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».

 

30

 

Везачу Элана тІедирзинчул тІаьхьа

 

1«Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, 2шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, 3тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. 4Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. 5Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тІе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. 6Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. 7ТІаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дІахьедина долу неІалташ шу дІалаьхкинчу шун мостагІашна а, шу цадезачарна а тІедерзор ду. 8Ткъа шу Везачу Элана тІе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугІур ду, ас тахана шайна тІедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. 9Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тІера а схьадаьллачунна тІехь а тІех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХІунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. 10Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогІахь, кху товрат-хьехаман тептар тІехь дІаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тІедерзахь».

 

Везачу Эло тІедиллинарг дукха хала дац

 

11«Ас шуна тІедуьллуш долу хІара весет шу кхетийла доцуш а дац, гена а дац. 12Иза стигалшкахь а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву стигалшка хьала, иза, кхуза охьа а далийна, вайна схьахазийта, ткъа вай тІаккха кхочушдийр ма дара иза?“ 13Иза хІордал дехьа а дац, цундела иштта ала ца деза аша: „Мила вер ву хІордал дехьа, иза, кхуза схьа а деана, вайна схьахазийта, ткъа вайга тІаккха кхочушдалур ма дара иза?“ 14ХІан-хІан! И дош шуна дикка юххехь а ду, иза шун матта тІехь а, даг чохь а ду аша кхочушдархьама».

 

Шайна дахар харжа

 

15«Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. 16Нагахь санна тахана ас шайна тІедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тІедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу декъал а дийр ду. 17Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догІахь, кхечу деланашна Іибадат дархьама а, царна гІуллакх дархьама а шу дІаозор ду кхечара, 18ас дІахьедо шуьга: шу хІаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу дукха дехар а дац. 19Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, 20шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогІарца а, Цунах дІакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІехь шу а, шун тІаьхье а ехха Іийр ю».

 

31

 

Мусал тІаьхьа ЮшаІ куьйгалхо хилар

 

1Мусас берриг а исраилхошка кхидІа а хІара дешнаш элира: 2«Сан хІинца бІе ткъа шо кхаьчна. Соьга хІинца шуна тІехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хІокху Йордан-хих дехьавалалур вац“. 3Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гІур ву. Цо хІара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хІаллакдина дІадохур ду, тІаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаІ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гІур ву. 4Везачу Эло царна а, Ша хІаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ІовгІина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду. 5Везачу Эло уьш шун кара дІалур бу, ткъа аша ас шайна тІедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца. 6ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац».
7ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. 8Веза Эла Ша гІур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дІавоьрзур а вац, Цо хьо дІатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».

 

ВорхІ шарахь цкъа халкъана хьалха товрат-хьехам бешар

 

9ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. 10Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь, 11берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дІахІитта баьхкича, хІара товрат-хьехам массо а исраилхошна дІахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дІабешалаш. 12Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гІаланашкахь хин болу шуна тІебогІун берш а. ЛадогІийта цаьрга, Іамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а. 13ХІара хууш доцу церан бераш а, хІара дІа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хІокху лаьтта тІехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Іемар ду».

 

Везачу Эло Мусана дина тІаьххьара весеташ

 

14Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дІакхелха денош тІекхочуш ду. ЮшаІ тІе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тІехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаІ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира. 15Веза Эла мархин бІогІамехь четарна улло веара. И мархин бІогІам гуламан четарна чу воллучу метта тІехула дІахІоьттира.
16Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. 17Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ 18Ас оцу дийнахь Сайн юьхь дІакъовлур ю царах, кхечу деланашна тІе а бирзина, цара лелийна харцонаш бахьана долуш.
19Муса а, ЮшаІ а, хІокху назманан дешнаш шайна дІаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Іама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама. 20Церан дайшка Айса чІагІо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тІе а бирзина, царна гІуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дІа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара. 21Шайна тІе дуккха а халонаш а, баланаш а хІиттича, хІара назма царна дуьхьал долу тоьшалла хир ду, хІунда аьлча иза церан а, церан тІаьхьенан а багара схьадер дац. Суна хаьа церан хІинца йолу ойланаш, царна лур ду аьлла Ас чІагІо йинчу дикачу лаьтта тІе уьш дІа а бигале хилла йолу».
22Мусас оцу дийнахь и назма, дІа а язйина, исраилхошна Іамийра.
23Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».
24Мусас, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тІе яздина ша ваьлча, 25Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира: 26«ХІара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. 27ХІунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХІинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дІакхелхича, кхин а чІогІа иштта хир дац ткъа шу? 28Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тІекхайкха. Ас царна дІахозуьйтуш дІаэр ду хІара дешнаш, ткъа царна тІе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тІекхойкхур ду. 29ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».

 

Мусан назма

 

30Мусас, исраилхойн массо а гуламна дІахозуьйтуш, хІокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дІаэлира.

 

 

32

 

1«Тергам бе, стигал, со вистхир ву.
Лаьтто а ладогІа сан багара долучу дешнашка.
2Сан хьехам, догІа санна, охьаоьхур бу,
сан къамел, тхи санна, охьадогІур ду,
сеналлина тІе догІу дерз санна хир ду,
бацана тІе кхевсина догІа санна хир ду.
3Ас Везачу Элан цІе хьалаойур ю.
Вайн Далла дІало сийлалла!

 

4Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду.
Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду.
Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо.
Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.
5Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха,
Цуьнан берашна ца догІучу тайпана.
Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал,
иза аьрха а, телхина а гара ма ду[5].

 

6ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ,
иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг?
Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а,
шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу?
7Дагаяийта шира хенаш,
ойла ел ширачу заманах лаьцна.
Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга,
шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга.

 

8Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш,
Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь,
Цо хІора халкъана шен-шен доза дІахІоттийра,
стигалийн гуламан терахье хьаьжжина[6].
9ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду.
Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.

 

10Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера,
гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь.
Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга,
Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора.
11Шен бене хьоьжу аьрзу санна,
кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна,
Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо,
тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама.
12Везачу Эло Ша леладора Шен къам.
Цуьнца кхечу къоман дела вацара.

 

13Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура.
Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора,
тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах
схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
14Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш,
дерстина Іахарий а, гезарий а,
Башанера тоьлла долу бежанаш а,
тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана.
Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара.

 

15Сан хьоме халкъ[7], стам а делла, аьрхаделира.
Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира.
Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара,
шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.
16Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара,
шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара.
17Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, –
хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна,
хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна,
церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.
18Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара.
Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогІура царна.

 

19Иза ган а гина, Веза Эла царах дІавирзира,
Шен кІенташа а, мехкарша а Иза оьгІазвахийтина дела.
20Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах,
царах хинйолу чаккхе гур ю Суна,
хІунда аьлча уьш телхина гара ду,
уьш тешаме доцу бераш ду.
21Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан,
баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь.
Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан,
кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.
22ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла,
лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо.
ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна,
чахчош ду лаьмнийн кІажаш.

 

23Ас царна тІе халонаш йоуьйтур ю,
Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тІекхиссина.
24Уьш мацалло гІелбийр бу,
хІаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а.
Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн
дІовш а тухур ду царна.
25Уьш туьро арахьа хІаллакбийр бу,
ткъа цІа чохь – кхерамо:
къонах а, йоІстаг а,
декхаш долу бер а, къежвелла къано а.
26Сан ала йиш яра: ‘ДІаса а баржийна,
адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дІадоккхур ду Ас’.
27Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна,
церан мостагІий кура а бовлийтина,
цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду,
Везачу Эло ца динера хІара-м’“.

 

28Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду,
цаьрга хІуманаш къаста а ца ло.
29ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш,
тІаккха уьш дикка кхетар бара,
шайна хиндерг къастор дара цара!
30Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара,
шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара,
нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича,
нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!
31Уьш тІетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц:
вайн мостагІий шаьш бу оцу тІехь кхелахой.
32Седам-гІалин кемсийн гаьннаш тІера а,
Іамор-гІалина уллохь йолчу аренашкара а
ю вайн мостагІийн кемсаш.
Церан кемсийн буьртигаш дІаьвше ду,
церан кенаш къаьхьа ду.
33Церан чагІар – лаьхьарчийн дІовш а,
текхаргийн валаран талу а ду.

 

34„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. –
ХІуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дІакъевлина?
35Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду.
Хан тІееача, церан ког галбер бу.
Церан хІаллакьхиларан де герга ду,
церан къемате кхоллам тІекхочу“.
36Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду,
Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу,
церан куьг гІелделла Шена гича а,
набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.
37Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш,
царах тешна шу Іийна йолу тарх,
38аша сагІина деанчух мохь йиина болу,
сагІина деанчух чагІар мийлина болу?
Шайна гІо дайта хьалагІовттийта уьш,
хилийта царах шайна тхов кІело!

 

39Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар,
Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар.
Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо,
Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац.
40Сайн куьг стигалшка хьала а айина,
абаденналц долчу Сайн дахарх чІагІо йо Ас:
41‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича,
Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча,
Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна,
Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург.
42Ас Сайн пхерчий цІийх дузор ду,
байинчеран а, йийсарехь болчеран а цІийх.
Сан туьро дилха дІа а кхоллур ду,
оцу хаьржинчу мостагІийн хьаькамийн кортош’“.

 

43Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна!
Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш!
Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна!
ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш![8]
Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера,
Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна,
Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!»

 

44Муса халкъана тІевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кІанта ЮшаІа а халкъана дІахазийтира.

 

Мусас дина весет

 

45Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дІааьлла ваьлча, 46Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дІахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тІе дижийта. Шайн берашна тІедилла, хІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар. 47ХІунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза – шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тІехь».

 

Муса дІакхалхарх лаьцна

 

48Оццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира: 49«Іабарим лаьмнашна тІе хьала а валий, муабахойн лаьтта тІехь Ерихон-гІалина дуьхьал болчу Набу-лома тІе а валий, дІахьажа КанаІан-махке, Ас исраилхошна дола дІалуш долчу лаьтте. 50Хьо хьалаволучу оцу лам тІехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дІакхетар ву, ХІор-лам тІехь вала а велла шен халкъах дІакхетта волу хьан ваша АхІарон санна. 51Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гІалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богІу ларам аша шимма ца гайтина дела а. 52Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тІе вер вац хьо».

 

33

 

Исраилхойн тайпанаш декъалдар

 

1Ша дІакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хІорш ду. 2Цо элира:

 

 

«Веза Эла Синай-ломера схьавеана,
СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла,
Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла.
Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна,
Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара[9].
3Шен халкъ баккъалла а деза Цунна,
Цо дІакъастийнарш Цуьнан карахь бу.
Цуьнан когашка охьа а таьІа уьш,
Цуьнгара хьехам дІа а оьцу цара.
4Товрат-хьехам вайна Мусас белла,
иза Якъубан юкъараллин тІаьхьало ю.
5Веза Эла Шен хьомечу халкъана[10] тІехь паччахь хилира,
халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».

 

6Раабанхойх лаьцна Мусас элира:
«Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза,
амма оцу тайпанах берш кІезиг хуьлийла!»

 

7Ткъа яхІудхойх лаьцна хІара элира:
«ДІахазахьа, Веза Эла, яхІудхоша орца даккхар,
кхечу тайпанех кхин а дІакхетабехьа уьш.
Шаьш лардан чІагІдехьа церан куьйгаш.
Хилахьа царна мостагІашна дуьхьал волу гІоьнча».

 

8Левихойх лаьцна а иштта элира:
«Хьан Тумим-тІулг левихошна дІабелла[11],
Хьан Урим-тІулг Хьуна тешамечеран долахь бу.
Ахь уьш Массехь зийнера,
Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
9Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта,
шайн вежарий лараран метта,
шайн бераш довзаран метта,
левихоша Хьан дош лар а дина,
Ахь бина барт Іалаш а бина.
10Цара Хьан тІедехкинарш Якъубан тІаьхьенна Іамадо,
ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Іамабо.
Хаза хьожа йогІу хІума цара Хьуна хьалха охьаюьллу,
Хьан сагІа доккхучу кхерча тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш доху.
11Веза Эла, декъалбехьа церан бахам,
ткъа цара мел дечунна реза хилахьа.
Царна дуьхьал гІовттучарна а, уьш ца безачарна а
уьш цкъа а хьала ца гІовттал чІогІа тохахьа».

 

12Бен-яманхойх лаьцна иштта элира:
«Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду,
кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду.
Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до,
Цуьнан куьйгаш тІехь и тайпа Іуьллуш а ду».

 

13Юсупхойх лаьцна иштта элира:
«Везачу Эло декъалдойла церан латта
стигалара охьадогІу совгІат долчу тхица,
лаьтта бухара хьаладолучу хишца,
14малхо кхиийначех тоьллачуьнца,
хІора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,
15ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца,
даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгІаташца,
16лаьтто лучу совгІаташца, и латта дузуш долчуьнца.
Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун
декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тІехь,
вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.
17Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду.
Цуьнан маІаш гомашан маІаш санна ю.
И маІаш цара кхечу халкъашна еттар ю,
ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду.
Иштта эпраймхойн дуккха а тІемалой бу,
иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».

 

18Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира:
«Сакъера, забулхой, шайн некъаш тІехь,
иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
19Цара шайн халкъ лам тІе схьакхойкху.
Цигахь цара нийса сагІанаш дохур ду.
Шайн хьал схьадоккху хІорда чуьра,
хІордан йистошкахь йолчу гІамарна тІера».

 

20Гадахойх лаьцна элира:
«Декъала ву гадахойн мохк дІасабаржийнарг.
Гадин тайпа цигахь, лом санна, Іуьллуш ду,
куьйгаш я кортош дохорхьама.
21Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира,
куьйгалхочунна догІу дакъа царна дІаделира,
халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь.
Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам,
Цо Исраилан халкъана тІе мел диллинарг а кхочушдира».

 

22Данахойх лаьцна элира:
«Данан тайпа – къона лом ду,
Башан-махкара дедда догІу».

 

23Напталхойх лаьцна элира:
«Напталан тайпанна Дела реза хилира,
иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду.
Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».

 

24Ашархойх лаьцна элира:
«Уьш кІенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу.
И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла.
Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.
25Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду.
Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».

 

26«Цхьа а вац Исраилан Делах тера
мархашца Шен сийлаллехь а,
стигалшкахула хьуна гІо лаца веана волчу.
27Хьан кІелхьардолийла – даим волу Дела ву,
Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кІел ду.
МостагІий шун юьхь-дуьхьалара дІа а лаьхкина,
Цо аьлла: „ХІаллакбе!“
28Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду,
Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю,
кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь,
стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь.
29Декъала ду хьо, Исраилан халкъ!
Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду?
Иза хьо лардеш долу турс а,
хьан сийлаллин тур а ду!
Хьан мостагІий хьуна хьалха охьатаьІна лелар бу,
ткъа ахьа церан сагІа доккху гунаш хьоьшур ду».

 

 

34

 

Муса кхалхар

 

1Муаби-аренашкара Набу-лам тІера Пасга цІе йолчу бохь тІе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гІалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гІалина тІекхаччалц берриг а ГалІад-мохк гайтира Мусана. 2Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хІорда тІекхаччалц долу дерриг а ЯхІудан латта а гайтира Цо. 3НегІаб-аре а, шех палманийн гІала олу Ерихон тІехь лаьтта тогІи а, ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц болу мохк а гайтира Цо. 4Везачу Эло Мусага элира: «ХІара ду Ас ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а церан тІаьхьенашна дІалур ду аьлла латта. И латта Ас хьайн бІаьргашна гайти хьуна, амма цу тІе хьо вер вац».
5Везачу Эло ма-аллара, Муаби-лаьтта тІехь кхелхира Везачу Элан лай Муса. 6Муаби-мехкан тогІи чохь Байт-ПаІар цІе йолчу юьртана дуьххьал дІавоьллина Везачу Эло Муса. Амма таханлера де тІекхаччалц цхьанна а ца хаьа иза дІавоьллина йолу меттиг мичахь ю. 7Мусан бІе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бІаьрса а ца телхинера, гІора дІа а ца даьллера цуьнгара. 8Муаби-аренашкахь ткъе итт дийнахь цунна тезет хІоттийра исраилхоша. Мусах белхар даран а, халахетаран а денош цул тІаьхьа чекхдевлира.
9Мусас цунна тІе куьйгаш дахкар бахьана долуш, хьекъалх вуьзнера Нунин кІант ЮшаІ. Цо аьлларг деш хилира исраилхой, Везачу Эло Мусана тІедиллинарг кхочушдора цара. 10Везачу Элана юьхь-дуьхьал вевзаш хилла волу Муса санна, кхин пайхамар ца хилира исраилхойн. 11Везачу Эло билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гайта вахийтинера иза Мисар-махка. ПирІунна а, цуьнан ялхошна а, дерриг а халкъана а гинера и тамашийна хІуманаш. 12Исраилан халкъан бІаьргашна хьалха Мусас гайтинера сийлахь а, инзаре а хІуманаш, кхин цхьаммо а гайтина доцу.

 

 

 

ЮшаІ

ЮшаІан

 

тептар

 

Дешхьалхе

 

Муса-пайхамар веллачул тІаьхьа ЮшаІ халкъан хьаькам хилла дІахІоьттира. Цуьнан куьйгаллица исраилхой КанаІан-махка чу боьлху цигахь Іархьама. ЮшаІан тептар тІехь дерг – КанаІан-мохк схьабаккхарх долу дийцар ду. Тептар тІера хьахо тарло: Йордан-хил дехьадовлар, Ерихон-гІалина тІелатар, ГІай-гІала йолчохь бина тІом, Дала Шен халкъаца бина барт карлабаккхар. Уггар дика хууш долчу аятех цхьаъ хІара ду: «Тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду... Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю» (24:15).

 

1

 

Дала ЮшаІна тІедиллинарг

 

1Шен ялхо Муса кхелхинчул тІаьхьа Везачу Эло Мусан гІоьнча хилла волчу Нунин кІанте ЮшаІе элира: 2«Сан ялхо Муса кхелхина. ХІинца хьо а, дерриг а хІара халкъ а, хьала а гІаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тІе. 3Шун ког тІебер болу муьлхха а меттиг Ас дІало шуна, Мусага Айса ма-аллара. 4Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. 5Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. 6ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. 7ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. 8Деша хІара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Іамаде иза, кху тІехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТІаккха айхьа дечу гІуллакх тІехь чІогІа аьтто хуьлуш а, чІогІа беркат долуш а хир ву хьо. 9Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».

 

Йордан-хих дехьадовла кечамбар

 

10Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаІа: 11«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дІаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».
12Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаІа элира: 13«Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агІор долу латта шуна дІадала, иза шун мохк хилийта“. 14Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тІехь совца, ткъа массо а тІом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тІе а гІой, гІо де царна. 15Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гІо де царна. ТІаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».
16Наха ЮшаІана жоп делира: «Ахь тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дІахьажийначу гІур а ду тхо. 17Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! 18Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тІедиллинчу хІуманна тІехь хьоьга ла ца доьгІнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чІогІа а, къонахалла йолуш а хила!»

 

2

 

Къайлаха вахийтина ши стаг а, нахаца лела зуда Рахьаб а

 

1Нунин кІанта ЮшаІа Шитим цІе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гІой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гІаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цІе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Іаш. Цуьнан цІийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг.
2Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла».
3ТІаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу».
4Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву. 5Сарахь гІалин ков дІакъовлале, и шиъ дІавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тІаьхьагІахь, шу тІаьхьакхиа а мега царна». 6Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тІехь кхалор йоцчу тхов тІе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу вēтанан цІевнаш юккъе дІалачкъийнера цо.
7Паччахьан нах гІалех арабевлира. Ков царна тІаьххье сихха дІакъевлира. Шина исраилхочунна тІаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дІабахара уьш.
8Ши исраилхо дІавижале, зуда тхов тІе хьалаелира и шиъ волчу. 9Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. 10Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. 11Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву. 12Ткъа хІинца Везачу Элах чІагІо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цІийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна, 13сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Іожаллех кІелхьардохур ду алий».
14Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гІуллакх аш дІа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хІара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду».
15Цу зудчун цІенош гІалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира. 16Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тІе, дІагІо, шайна тІаьхьабевлларш тІе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Іе цигахь дІаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тІаьхьа шайн новкъа дІагІор шу».
17Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чІагІонах тхо паргІат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь: 18тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хІара цІен тІийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а – хьайн ден берриг а доьзал хьо Іаш йолчу цІа чу гулбе. 19Нагахь цІа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цІа чохь волчунна тІе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цІий тхох хьаьрчар ду. 20Нагахь ахь оха деана гІуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чІагІонах тхо а паргІат хир ду».
21Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дІа а хьажийна, корах цІен тІийраг йихкира цо.
22Лам тІе а веана, цигахь кхаа дийнахь Іийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хІара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах. 23Лам тІера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кІантана ЮшаІана тІевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо. 24Цара элира ЮшаІе: «Везачу Эло дерриг а хІара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».

 

3

 

Йордан-хих дехьадовлар

 

1ШолгІачу Іуьйранна хьалххе хьала а гІевттина, ЮшаІ а, берриг исраилхой а Шитим цІе йолчу меттера Йордан-хи тІе баьхкира. Цигахь меттамотт а хІоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тІекхаччалц. 2Кхо де даьлча, нахана тІехь хІиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула. 3Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказ а, иза дІахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гІовттий, царна тІаьххье дІагІо. 4Амма шуна а, тІорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гІулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гІо, шайна тІаьхьадаха некъ хаийтархьама, хІунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».
5ЮшаІа халкъе элира: «ЦІин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хІуманаш гойтур ду». 6Динан дайшка ЮшаІа элира: «Бартбаран тІорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тІорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира. 7ТІаккха Везачу Эло ЮшаІе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта. 8Ахь тІорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий».
9ЮшаІа элира исраилхошка: «ТІе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогІа. 10Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаІанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гІиргІашахой а, эмархой а, явсайхой а. 11Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду. 12Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хІора тайпанах цхьацца. 13Дуьненан Да волчу Везачу Элан тІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТІедогІуш долу хи, пен а хилла, дІахІуттур ду». 14Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дІадоладелча, динан дайша бартбаран тІорказ, нахана хьалха а даьккхина, дІадаьхьира. Халкъ царна тІаьххье дІадахара. 15ТІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кІа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу), 16лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. 17Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дахьаш богІу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тІехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тІехула Йорданах дехьабовллалц.

 

4

 

Йордан-хих дехьадовлар дагахь латто хІиттийна тІулгаш

 

1Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаІе элира: 2«Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хІора тайпанах цхьацца. 3Царна тІедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тІулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дІа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тІулгаш».
4Исраилхойн хІора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тІекхайкхира ЮшаІа. 5Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тІорказна хьалха, довла. ХІораммо а цигара шайн белшаш тІе цхьацца тІулг схьаэца. ХІора тайпанна цхьацца хир бу уьш. 6И тІулгаш шайна билгалонна дита. ТІейогІучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Іалашдо аш и тІулгаш?“ – аьлла. 7Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Іалашдо. ТІорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхошна и хІума дагахь латтор ду цу тІулгаша“».
8ЮшаІа шайна тІе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаІе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тІулг, исраилхойн хІора тайпанан цІарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дІа а баьхьна, охьабиллира цара. 9Бартбаран тІорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тІулг хІоттийра ЮшаІа. И тІулгаш хІинца а ду цигахь. 10Везачу Эло ЮшаІана тІедиллинера дан дезарг халкъе дІаалар, Мусас ЮшаІе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тІорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира.
Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара. 11Нах дехьабевллачул тІаьхьа, Везачу Элан тІорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дІадаьхьира динан дайша. 12Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаш а, Маннашан тІаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тІе-ма-диллара. 13ТІамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тІом бан вахара. 14Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаІан сий хьалаайира. Цул тІаьхьа, Муса санна, ЮшаІ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц.
15Везачу Эло ЮшаІе элира: 16«Бартбаран тІорказ эцна богІучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де». 17ЮшаІа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» – аьлла. 18Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ эцна богІу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тІе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тІехула а долуш.
19Хьалхарчу беттан уьтталгІачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ. 20Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тІулг цигахь дІахІоттийра ЮшаІа. 21Цо элира исраилхошка: «ТІейогІучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХІорш хІун тІулгаш ду?“ – аьлла, 22аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тІехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“. 23Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хІордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дІа а лакъийна. 24Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».

 

 

5

 

1Йорданал дехьа, малхбузехьа, хІорд болчу агІор Іачу эмархойн паччахьашна а, хІордана уллохь Іачу канаІанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чІогІа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.

 

Галгалехь божарий сунтбар

 

2Цу хенахь Везачу Эло ЮшаІе элира: «Мокхазах арсаш а дай, исраилхой сунтбе». 3ЮшаІа, мокхазах арсаш а дина, Сунтбаран гу аьлла, цІе тиллинчу меттехь исраилхойн божарий сунтбира. 4ЮшаІа уьш сунтбаран бахьана хІара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тІаьхьа, тІом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера. 5Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара. 6Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тІом балуш болу божарий белла дІабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгІнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чІагІо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира. 7Церан метта церан кІентий кхиийтира Везачу Эло. Уьш бара ЮшаІа сунтбинарш, новкъахь сунтбаза бисарна.
8Берриш а сунтбинчул тІаьхьа, шайн меттамотт болчохь севцира нах, божаршна гІоле хиллалц. 9Везачу Эло ЮшаІе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тІера дІадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цІе Галгал[1], хІинца а олу цунах иза.
10Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгІачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара. 11ШолгІачу дийнахь совсаза бепиг а, кхаьрзина буьртигаш а диира цара. 12Цу лаьттан стоьмаш баа хІорш буьйлабеллачу шолгІачу дийнахь стигалара охьаоьху «ман» олу кхачанан буьртигаш дІасевцира. Цул тІаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаІан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь.

 

ЮшаІ а, туьраца волу стаг а

 

13Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаІана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаІа, тІе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагІех ву?» – аьлла.
14Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хІинца кхуза веана».
Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьІна, ЮшаІа элира: «Шен лай волчуьнга хІун эр ду сан эло?»
15Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаІе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаІа цо боххург кхочушдира.

 

Ерихон-гІала хІаллакьхилар

 

16Ерихон-гІала дІакъевлина яра. Цуьнан бахархой исраилхойх кхерабелла бара. ГІалара ара а, я чу а волуш стаг вацара.

 

 

6

 

1Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ас хьан кара дІало Ерихон-гІала шен паччахьца а, тІемалошца а. 2Хьо а, хьан тІемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гІалина гонах лела. 3ВорхІ динан дас ворхІ маІа дІаяхьа еза дезачу тІорказна хьалха. ВорхІалгІачу дийнахь аша гІалина ворхІ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гІалина гонах мел лела, маІаш локхур ю. 4Локхучу маІан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чІоггІа мохь хьакха беза, тІаккха гІалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тІаьхьа шу массо а гІали чу гІур ду».
5Исраилхойн динан дайшка, тІе а кхайкхина, Нунин кІанта ЮшаІа элира: «Бартбаран тІорказ дІахьо. ВорхІ динан дас ворхІ маІа хьо, Везачу Элан тІорказна хьалха а яккхий». 6Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гІой, гІалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тІорказна хьалха а довлий, дІагІо».
7ЮшаІа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхІ маІа эцна воьдучу ворхІ динан дас, хьалха дІа а волавелла, маІаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ царна тІаьххье дІадаьхьира. 8Герзашца берш маІаш лоькхуш богІучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тІорказна тІаьхьахІиттина богІура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маІаш а яра. 9ЮшаІа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тІекхаччалц, тІаккха маьхьарий тухур ду аша». 10Иштта Везачу Элан тІорказ, гІалех цхьа го а боккхуш, дІадаьхьира. Цул тІаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.
11ШолгІачу Іуьйранна ЮшаІ хьалххе хьалагІаьттира. Динан дайша Везачу Элан тІорказ юха а дІадаьхьира. 12Везачу Элан тІорказна хьалха ворхІ маІа дІахьош волу ворхІ динан да, маІаш а лоькхуш, дІавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дІабоьлхура, ткъа кхиберш тІорказна тІаьхьахІиттина богІура. Массо а маІа лоькхуш яра. 13Иштта шолгІачу дийнахь а, гІалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.
14ВорхІалгІачу дийнахь, маьлхан зІаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гІевттина, гІалина цу кеппара ворхІ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гІалина ворхІ го. 15Динан дайша ворхІалгІа а маІаш лекхначул тІаьхьа, ЮшаІа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дІаелла шуна гІала! 16ГІала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цІера нах а дийна бита, хІунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера. 17Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. 18Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».
19Локхучу маІийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чІоггІа мохь туьйхира – гІалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гІали чу бахара, цара схьаяьккхира иза. 20Шайн таррашца гІали чохь дийна долу хІума дерриг а хІаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагІий а, варраш а.
21Кху гІалахь хІун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаІа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цІа чу а гІой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чІагІо йина ма-хиллара». 22ДІаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дІабигира. 23Юха гІала а, цу чохь долу хІума а цІергахь дагийра. Дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Іамал ечу меттиган хазни чу ехкира. 24Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цІийнах а, гергара а болу нах ЮшаІа дийна битира, хІунда аьлча цу зудчо ЮшаІа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дІа а лачкъийна, кІелхьарбаьхнера. Рахьабан тІаьхьенах болу нах хІинца а исраилхошна юкъахь Іаш бу.
25Цу хенахь ЮшаІа, чІагІо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гІала юхаметтахІоттийнарг.
Кху гІалин бух боьттинчун хьалхара кІант лийр ву.
ГІалин ков дІахІоттийнарг жимах волчу кІантах вер ву».
26Веза Эла ЮшаІаца вара. Берриг а махкахула гІараваьллера ЮшаІ.

 

7

 

Іахана латийна къа

 

1Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна.
2Ерихонера ГІай-гІала нах бахийтира ЮшаІа. ГІай-гІала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гІалина малхбалехьарчу агІор яра. Цу нахе ЮшаІа элира: «Даха а гІой, талла и меттиг». ДІа а бахана, ГІай-гІалане хьаьвсира уьш. 3ЮшаІ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГІай-гІала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал». 4Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гІалина тІелата, амма уьш ГІай-гІалин бахархоша лаьхкира. 5Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГІай-гІалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тІулг боккхучу метте кхаччалц дІабигира цара и исраилхой. Лам тІера чубуьссучу хенахь байира уьш ГІай-гІалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора.
6Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. 7ЮшаІа элира: «Хьалдолу Эла! Йорданал сехьа хІара халкъ стенна даьккхина Ахь? Эмархойн кара а делла, тхо хІаллакдайтий? Буха а севцна, Йорданал дехьа Іаш делара тхо! 8Веза Эла! ХІун ала деза ас хІинца, исраилхой шайн мостагІех бевдда хилча? 9КанаІанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хІара хІума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тІехь ур-атталла тхан цІе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цІе муха ларйийр ю Ахь тІаккха?»
10Везачу Эло ЮшаІе элира: «ХьалагІатта, хьо хІунда воьжна бертал? 11Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хІуманаш, схьа а эцна, шайн хІуманаш юккъехь дІалачкъийна цара. 12Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. 13Хьала а гІаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Іуьйре тІекхачале, цІан а лой, дІахІитта, хІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хІуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дІаяххалц, шу мостагІашна дуьхьал латталур дац’. 14Кхана шайн тайпанашца тІедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тІедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тІедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогІуш, тІебан беза. 15Суна лерина хІуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цІергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гІуллакх дина дела“».
16ЮшаІа, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тІедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхІудан тайпа дара. 17ЯхІудан тайпа тІе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тІедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. 18Цу доьзале, цхьацца стаг тІевогІуш, тІедуьйла элира ЮшаІа. Кармин кІант Іахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кІант вара, Завади Зерахьан кІант вара. Уьш ЯхІудан тайпанах бара. 19ТІаккха ЮшаІа элира Іахане: «Сан кІант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гІерта».
20ЮшаІана жоп луш, Іахана элира: «Бакъ ду, ас къа латийна исраилхойн Везачу Далла хьалха. Ас динарг хІара ду: 21схьаяьккхинчу хІонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бІе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хІуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду».
22ЮшаІа нах бахийтира Іаханан четарх хьовса. Сихонца баханчу царна дІалачкъийна хІуманаш карийра, царна бухахь дети а дара. 23ХІуманаш, четарна чуьра схьа а эцна, ЮшаІ а, берриг исраилхой а болчу схьа а еана, Везачу Элана хьалха охьаехкира цара. 24Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаІа Зерахьан кІант Іахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Іаханан кІентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагІий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Іахур-тогІи чу схьадеара (Іахур – иза «сингаттам» бохург ду). 25ЮшаІа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тІулгаш а кхиссина, Іахан а, цуьнан доьзал а хІаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цІергахь багийра цара. 26Іаханна а, цуьнан доьзална а тІехь тІулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу.
Цул тІаьхьа Везачу Элан оьгІазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Іахур-тогІи олу.

 

8

 

ГІай-гІала схьаяккхар а, йохор а

 

1Везачу Эло ЮшаІе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТІом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГІай-гІалина тІелата. ГІай-гІалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гІала а, латта а хьан кара дІало Ас. 2ГІай-гІалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гІалин бахархошкара а схьаяьхна хІуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дІасадекъа. ГІалин тІехьа агІор кІело а е».
3ЮшаІ а, берриг а исраилхойн тІемалой а ГІай-гІалина тІелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дІахьовсийра ЮшаІа, 4цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гІалина тІехьа агІор кІело йина хир ду, амма гІалина гена а ма довла, массо а тІелата кийча а хила. 5Со а, соьца волу массо тІемало а гІалина тІелетар ву. Хьалха санна, ГІай-гІалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду. 6Тхаьшна тІаьхьабаьхна, гІала йолчуьра оха дІабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, – эр ду цара. Тхо царах девдча, 7шаьш кІело йиначуьра схьа а довлий, гІала дІалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза. 8Шаьш гІала дІалаьцча, сийна цІе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тІедуьллу шуна иза». 9Иштта, ЮшаІа дІа а бахийтина, ГІай-гІалин малхбузерчу агІор, Бетална а, ГІайна а юккъехь, кІело йира исраилхоша. ЮшаІ цу буса халкъана юкъахь дІавижира.
10Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, тІемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаІ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГІай-гІалина тІебахара. 11ТІемалой, ЮшаІаца дІа а бахана, гІалина гергахьа баьхкира. ГІай-гІалин къилбаседехьа йолчу агІор меттамотт хІоттийра ЮшаІа. ГІалина а, меттаматтана а юккъехь тогІи яра. 12Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГІай-гІалина а юккъехь кІелоне ховшийнера цо. Уьш ГІай-гІалин малхбузерчу агІор бара. 13ТІемалоша шайн меттигаш дІалаьцнера: гІалина къилбаседерчу агІор хІоттийна меттамотт болчохь а, гІалина малхбузерчу агІор кІело йиначохь а. Цу буса тогІи чу веара ЮшаІ. 14И дерриг шена гича, ГІай-гІалин паччахь, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, гІаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тІаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Іариба-тогІина[2] уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГІалина тІехьа кІело йинийла ца хаьара паччахьна. 15ЮшаІ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дІабевдира. 16ГІалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тІаьхьадовла аьлла. ЮшаІана тІаьхьауьдуш, гІалина генабевлира уьш. 17ГІай-гІалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тІаьхьавалаза. Шайн гІала схьайиллина йитира цара, мостагІашна тІаьхьа а бевлла.
18ТІаккха Везачу Эло элира ЮшаІе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГІай-гІалина тІехьажабе, Ас хьан кара дІало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гІалина тІехьажийра ЮшаІа. 19Цо куьг хьала-ма-айи, кІелонехь Іаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гІалехьа дІахьаьвдира. ГІала схьа а лаьцна, цунах цІе тесира цара. 20Юхахьаьвсинчу ГІай-гІалин божаршна шайн гІалина тІера стигала кхаччалц хьалаоьху кІур гира. ХІинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан – я хьалха а, я тІехьа а, хІунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тІелетира. 21ЮшаІ а, берриг исраилхой а, кІело йиначара гІала дІалацар а, стигала хьалаоьху кІур а гина, юха а бирзина, ГІай-гІалин божарий хІаллакбан буьйлабелира. 22ГІалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агІор болчу шайн мостагІашна юккъехь бисира ГІай-гІалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хІаллакбира исраилхоша. 23Ткъа ГІай-гІалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаІана тІе валийра.
24ГІай-гІалин божаршна тІаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гІали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара. 25Цу дийнахь вийна верриг а ГІай-гІалин вахархо шийтта эзар вара – боьрша нах а, зударий а. 26Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаІа, ГІай-гІалин массо а вахархо хІаллакваллалц. 27Даьхни а, гІали чуьра схьаэцна хІонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаІана тІе-ма-диллара. 28ГІай-гІала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаІа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Іуьллуш ю и гІала. 29ГІай-гІалин паччахь, дитта тІе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаІа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тІера охьа а даккхийтина, гІалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тІаьхьа, докъана тІе тІулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хІинца а йолуш ю.

 

Іейбал-лам тІехь товрат-хьехам бешар

 

30Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйира ЮшаІа Іейбал-лам тІехь. 31Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тІе-ма-диллара, товрат-хьехам тІехь болчу шен тептар тІехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гІирсаца кегдазчу тІулгех йина а йолуш. Цу тІехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. 32Мусан товрат-хьехамна тІера дешнаш яздира ЮшаІа цу тІулгаш тІехь исраилхошна хьалха. 33Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна шина агІор динан дай болчу, тІорказ лелочу левихошна дуьхьал дІахІиттира. Царна юкъахь тІебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Іейбал-ломана дуьхьал дІахІоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тІе-ма-диллара. 34Юха ЮшаІа дІадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неІалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тІехь иза яздина ма-хиллара. 35Дерриге а Мусас тІедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаІа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Іаш болу тІебаьхкина нах а бара.

 

9

 

ГавІон-гІалин бахархойн хІилла

 

1И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агІор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тІера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хІордан берда тІера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаІанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш 2цхьаьна гулбелира ЮшаІана а, исраилхошна а дуьхьал тІаме бовла.
3Амма ГавІон-гІалин бахархой, Ерихон а, ГІай а гІаланашна ЮшаІа динарг а хезна, 4-5хІиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богІу геланчаш санна кечвелира, эттІа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тІе тишделла галеш а, йоманаш летийна пІаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. 6Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаІе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».
7Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Іаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»
8Цу наха ЮшаІе элира: «Тхо хьан леш ду».
ЮшаІа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»
9Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а 10Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агІонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гІалин паччахьна Сихьонна а, Іаштаратехь Іаш хилла волчу Башанан паччахьна ІовгІина а динчух лаьцна а. 11Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гІой, дІаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“. 12ХІара бепиг оха тхайн цІеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догІучу дийнахь, ткъа хІинца иза дакъа а делла, матар а доьлла. 13Оха чагІар чудуттуш керла хилла долу пІаьлдигаш хІинца эттІа. ХІара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла».
14Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. 15Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чІагІо йира ЮшаІа. Исраилхойн тхьамданаша а чІагІо йира царна.
16И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Іаш буйла а. 17ХІунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагІчу дийнахь церан гІаланашка кхечира. Цу гІаланийн цІераш яра: ГавІон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯІарим. 18Амма исраилхоша хІаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цІарах царна чІагІо йина дела. И хІума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой. 19Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чІагІо йина царна, цундела царах куьг Іотта йиш яц вайн. 20Ткъа царна вай хІара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чІагІо бахьанехь ваьшна таІзар ца хилийта». 21Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша.
22Хьаьвихой тІе а кхайкхина, ЮшаІа элира: «Тхо ле хІунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Іаш ду“, – аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду? 23Аша харцдерг дийцарна, неІалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цІенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!»
24Цара ЮшаІана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хІара дерриг латта шуна дІа а ло, цу тІехь Іаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хІаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гІуллакх. 25ХІинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа». 26ЮшаІа хІара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кІелхьарбехира, цара уьш хІаллак ца бира. 27Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.

 

10

 

ГавІон-гІалахь эмархойн эшар

 

1ЮшаІа, ГІай-гІала схьа а яьккхина, иза йохийна, Ерихон-гІалина а, цуьнан паччахьна а диннарг ГІай-гІалина а, цуьнан паччахьна а дина аьлла, хезира Ярушалайман паччахьна Адани-Цадакхна. Иштта цунна хезира, ГавІонан бахархой, исраилхошца барт а бина, царна юкъахь Іаш бу аьлла. 2Иза хезча, паччахь чІогІа кхеравелира, хІунда аьлча шена тІехь паччахьо куьйгалла деш йолу муьлхха а гІала санна, ГавІон йоккха гІала яра. Иза ГІай-гІаланал а йоккха яра, цуьнан бахархой майра нах а бара. 3Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХІохІам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияІ волчу а, ІегІлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна: 4«Со волчу а дуьйлий, ГавІон-гІала хІаллакьян гІо де суна, цо ЮшаІаца а, исраилхошца а барт барна». 5Вовшах а кхетта, эмархойн пхи паччахь: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ІегІлонан а паччахьаш а, церан эскарш а, меттамотт дІа а хІоттийна, ГавІон-гІалина го а бина, цунна дуьхьал тІом бан кечбелира.
6ГавІонан бахархоша исраилхойн меттамотт лаьттачу метте, Галгала, ЮшаІ волчу хьадалчаш бахийтира цуьнга ала: «Хьайн леш дІа ма тасахьара ахь! Тхо долчу сихха схьа а волий, тхо кІелхьардахахьа! ГІо дехьа тхуна! Гунаш долчуьра эмархойн массо а паччахь ву тхуна тІелата кечвелла!»
7ЮшаІ а, цуьнца дерриг эскар а, шайна юккъехь уггар майра тІемалой а болуш, Галгалара аравелира. 8Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дІабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». 9Буьйсанна сахиллалц Галгалара схьаихна волу ЮшаІ цІеххьана тІелетира эмархошна. 10Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавІонехь дукха мостагІий хІаллакбира. Юха, царна тІаьхьабевлла, Байт-Хьорон цІе йолчу лам тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш. Іазекхи а, Макхеда а цІераш йолчу меттигашка кхаччалц, хІаллакбеш, дІабигира цара эмархой. 11Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал.
12Цу дийнахь ЮшаІ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавІонехь Везачу Эло цаьрга уьш хІаллакбайтина де дара иза. ЮшаІа исраилхошна хьалха элира:
«Малх, ГавІонана тІехула сацалахь,
бутт – Айлон-тогІи тІехула!»

 

13Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагІашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тІехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дІабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? 14Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгІна де я хьалха а, я цул тІаьхьа а хилла дацара, хІунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тІом беш вара.
15Цул тІаьхьа ЮшаІ а, исраилхойн берриг а тІемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.

 

Эмархойн пхи паччахь йийсаре вигар

 

16И пхи паччахь, вада а ведда, Макхедехь йолчу хьеха чохь къайлаваьллера. 17ЮшаІе хаам кхечира: «Пхи паччахь карийна, уьш Макхедехь йолчу хьеха чохь дІалевчкъина бу», – аьлла. 18Цо элира: «Хьехан берте даккхий тІулгаш тІе а карчадай, и ларъян нах хІиттабе. 19Ткъа шу, совца а ца совцуш, мостагІашна тІаьхьадовлий дІагІо. Церан эскаран тІаьхьара дакъош хІаллакде, мостагІий шайн гІаланашка дІа ма бахийта. Шун Везачу Дала шун кара схьа ма белла уьш». 20ЮшаІа а, исраилхойн тІемалоша а, мостагІашна доккха зе а деш, уьш хІаллакбинчул тІаьхьа, царах биснарш чІагІйина йолчу гІаланашка бевдира. 21Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаІ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира.
Исраилхошна дуьхьал дош ала хІуттуш цхьа а вацара.
22Юха ЮшаІа элира: «Хьехана чувоьду меттиг схьа а ястий, цу чуьра пхи паччахь со волчу схьавалаве». 23Цо ма-бохху дира: хьеха чуьра пхи паччахь схьавалийра: Ярушалайман а, Хьевронан а, Ярмутан а, Лахишан а, ІегІлонан а паччахьаш. 24Шена тІе и паччахьаш схьабалийча, массо а исраилхочуьнга схьа а кхайкхина, шеца леллачу тІемалойн хьаькамашка ЮшаІа элира: «ТІе а гІой, шайн когаш цу паччахьийн вортанаш тІе баха». Цара, тІе а бахана, паччахьийн вортанаш тІе когаш бехкира. 25ЮшаІа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чІагІлой а, доьналла долуш а хила. Аша тІом бен болчу шун массо а мостагІашца иштта хир ву Веза Эла». 26Паччахьаш, байа а байина, пхеа дитта тІехь хьалаоьхкира ЮшаІа. Сарралц цу дитташ тІехь кхезира уьш. 27Малх чубузучу хенахь ЮшаІа омра а дина, дитташ тІера схьа а даьхна, уьш дІалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тІулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Іохкуш ду уьш.

 

Къилбера КанаІан схьаяккхар

 

28Оцу дийнахь Макхеда-гІала схьаяьккхира ЮшаІа, туьра кІел яхийтира цо иза а, цуьнан паччахь а. Дерриг а цу гІали чуьра са мел долу адам хІаллакдира цо: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. Макхедан паччахьна а Ерихонан паччахьна диннарг дира.
29Цул тІаьхьа исраилхошца цхьаьна Макхедара Либна-гІала йолчу дІа а вахана, цунна дуьхьал тІом бира ЮшаІа. 30Везачу Эло исраилхойн кара схьаелира и гІала а, цуьнан паччахь а. Цу чуьра са мел долу адам туьраца хІаллакдира ЮшаІа: ведда а, висна а, цхьа а дийна ца витира. ГІалин паччахьна Ерихонан паччахьна диннарг дира.
31Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гІала а веана, цунна гонах меттамотт а хІоттийна, гІалина дуьхьал тІом бира ЮшаІа. 32Везачу Эло Лахиш исраилхойн кара схьаелира, шолгІачу дийнахь иза схьаяьккхира цара. Цу чохь мел долу садолу адам туьраца хІаллакдира исраилхоша, Либнехь шаьш ма-дарра. 33Лахиш-гІалина гІо дан ГІазаран паччахь ХІорам веара, амма ЮшаІа хІаллаквира иза а, цуьнан эскар а. Ведда а, висна а, цхьа а царах дийна ца витира цо.
34Цул тІаьхьа исраилхошца цхьаьна Лахишара ІегІлон-гІала веара ЮшаІ. ГІалина гонах меттамотт а хІоттийна, цунна дуьхьал тІом бира цара. 35Цу дийнахь иза схьа а яьккхина, цу чохь са мел долу адам туьраца хІаллакдира исраилхоша, Лахишехь шаьш ма-дарра.
36ЮшаІ а, исраилхой а, ІегІлонара дІа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гІалина дуьхьал тІом бира цара. 37ГІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гІали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хІаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ІегІлон-гІалина диннарг дира Хьевронна а: гІала а йохийра, дерриг адам хІаллак а дира.
38Цул тІаьхьа ЮшаІ а, цуьнан эскар а, юха а дирзина, Дибар-гІалина тІе а деана, цуьнца тІом бан хІоьттира. 39ГІала а, цуьнан паччахь а, гонахара ярташ а, схьа а яьхна, туьра кІел яхийтира цара. Дерриг а са мел долу адам хІаллакдира: дийна цхьа а ца висира. Хьевронна а, цуьнан паччахьна а, Либнина а, цуьнан паччахьна а диннарг Дибарна а, цуьнан паччахьна а дира.
40Акъареш тІера а, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренера а, лаьмнийн когашкара а, басенашкара а – массанхьара а мохк схьабаьккхира ЮшаІа. Церан паччахьаш хІаллакбира цо. Цхьа а са долу адам дийна ца дитира, исраилхойн Везачу Дала тІе-ма-диллара. 41Кхадеш-БарнаьІара Іази-гІала кхаччалц а, дерриг ГІашан цІе йолу латта а, ур-атталла ГавІон-гІалина тІекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаІа. 42Цкъа араваьлла, берриш и паччахьаш а, церан латтанаш а схьадехира ЮшаІа, хІунда аьлча исраилхойн Веза Дела Исраилан халкъехьа тІом беш вара. 43Цул тІаьхьа ЮшаІ а, берриш исраилхойн тІемалой а Галгала, шайн меттамотт болчу, юхабирзира.

 

11

 

Паччахь Ябин а, цуьнан бартхой а

 

1Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гІалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гІалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гІалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а, 2къилбаседехьа лаьмнаш тІехь Іаш болчу паччахьашна а, Іариба-тогІи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агІор Іаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Іаш болчу паччахьашна а тІе. 3Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Іаш болчу канаІанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тІехь Іаш болчу явсайхошна а, МицІпа-кІоштара Хьермон-ломан когашкахь Іаш болчу хьаьвихошна а тІе бахийтира цо шен нах. 4И паччахьаш а, церан эскарш а тІамана арадевлира. ХІордан берда тІера гІум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гІудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха. 5Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дІахІоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тІом бархьама.
6Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, кхана хІоккху хенахь исраилхошка хІаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гІудалкхаш а ягае». 7ЮшаІ а, цуьнан массо а тІемало а, цІеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тІелетира царна. 8Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагІий. Исраилхоша хІаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦІаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицІпа-тогІина а тІекхаччалц дІабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша. 9Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаІа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гІудалкхаш а ягийра.
10Цул тІаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаІа. (Хьалха Хьацор-гІала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гІала хилла.) 11Цу гІалахь мел верг туьра кІел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дІаяьккхира.
12Ерриг и гІаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаІа, Везачу Элан ялхочо Мусас тІе-ма-диллара. 13Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гІаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаІа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург. 14Цу гІаланашкахь караеана йолу ерриг хІонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хІаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш. 15Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тІе-ма-диллара, Мусас а ЮшаІана тІедиллинера дан дезарг. ЮшаІа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тІедиллинчух хІумма а кхочушдаза ца дитира цо.

 

Нунин кІанта ЮшаІа схьадаьхна латтанаш

 

16Иштта ЮшаІа схьадаьхна долу латтанаш хІорш дара: акъарехь а, ерриг а НегІаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГІашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, 17СеІирна тІекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогІи чуьра БаІал-Гадана тІекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хІаллакбира цо. 18Дуккха а хенахь цу паччахьашца тІом бинера ЮшаІа. 19Исраилхошца машар бина цхьа а гІала яцара, шена чохь хьаьвихой Іаш болу ГавІон йоцург. Ерриш а тІамца схьаяьхна яра уьш. 20Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чІагІдина, исраилхошна тІамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагІий хІаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, хІаллакбан безара уьш.
21Цу хенахь акъареш тІехь Іаш болу Іаьнакхахой хІаллакбира ЮшаІа: Хьеврон-гІалина уллохь а, Дибар-гІалина уллохь а, Іанаб-гІалина уллохь а, ЯхІудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тІехь а. Церан гІаланашца уьш берриш а хІаллакбира цо. 22Цхьа а Іаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тІехь, Іази-гІалаххьий, Гати-гІалаххьий, Ашдод-гІалаххьий бен.
23Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дІаделира ЮшаІа.
Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто.

 

12

 

Мусас хІаллакбина паччахьаш

 

1Йордан-хина тІера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тІера Хьермон-лома тІекхаччалц долу а, Іариба-тогІи чуьра малхбалехьарчу агІор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хІаллакбина паччахьаш хІорш бу: 2Хьешбонехь Іийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалІад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІера Ябокх-хина тІекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Іамминхошца долу доза. 3Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта.
4Башанан паччахь ІовгІа. Репахойн къомах тІаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Іаштарат а, ЭдреІи а цІераш йолу гІаланаш. 5Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гІала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тІе кхаччалц болу ах ГалІад-мохк а бара цуьнан.
6Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хІаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенашна а, Маннашан ах тІаьхьенна а шерет санна дІаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.

 

Нунин кІанта ЮшаІа хІаллакбина паччахьаш

 

7ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. 8Царна юкъадогІуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегІаб а. ЮшаІа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Іаш бара хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. 9Исраилхоша хІаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гІалина уллорачу ГІай-гІалин паччахь, 10Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь, 11Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь, 12ІегІлонан паччахь, ГІазаран паччахь, 13Дибаран паччахь, Гадиран паччахь, 14Хьормин паччахь, Іародан паччахь, 15Либнин паччахь, Іадуламан паччахь, 16Макхедан паччахь, Беталан паччахь, 17Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь, 18Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь, 19Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь, 20Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь, 21ТаІнакан паччахь, МагІиддан паччахь, 22Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаІаман паччахь, 23Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь, 24Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.

 

13

 

Схьадахаза долу латтанаш

 

1ЮшаІ, къан а велла, хене вирзича, Везачу Эло элира цуьнга: «Хьо, къан а велла, хене вирзина, ткъа дола даха дезаш хІинца а дуккха а латтанаш ду. 2Дуьсуш хІара латтанаш ду: ПІелаштаман а, Гешуран а ши мохк. 3Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. 4Къилбехь долу дерриг а канаІанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цІаданхойн долахь йолчу МеІари-гІали тІера Апакх-гІалина, эмархойн дозанна, тІекхаччалц. 5Ткъа иштта схьадаккхаза ду гебалхойн латта а, малхбалехьа болу берриг а Ливанун-мохк а, Хьермон-ломан къилбаседехь йолчу БаІал-Гадана тІера Хьамат-Іинна тІекхаччалц болу. 6Ливанун-махка тІера Мисрепат-Маймална тІекхаччалц лаьмнашкахь Іаш болу цІаданхой исраилхошна хьалхара дІалохкур бу Аса. И латта исраилхошна юкъахь, дакъош а деш, декъа, Аса хьайна тІе-ма-диллара. 7Исс тайпанна а, Маннашан ах тайпанна а юкъахь гуттаренна а дІасадекъа иза».

 

Йордан тІера малхбалехьа латта декъар

 

8Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаша а, Маннашан ах тІаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера. 9Арнон-тогІина йистехь йолчу ІаруІер-гІалина тІера цу тогІина чохь йолчу гІалина тІекхаччалц долу латта а, Мейдебана тІера Дибонна тІекхаччалц йолу шера аре а церан яра. 10Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гІаланаш а царна дІаеллера. Хьешбон-гІалахь паччахьалла деш Іийнера Сихьон, цуьнан латта Іамминхойн дозанна тІекхаччалц Іуьллуш дара. 11Цул сов, ГалІад-мохк а, гешурхойн а, маІхахойн а латтанаш а, Хьермон-лам а, Салха-гІалина тІекхаччалц болу Башан-мохк а, 12Башан-махкахь йолчу Іаштаратехь а, ЭдреІехь а паччахьалла динчу ІовгІин дерриг латта а дІаделлера царна. Мусас хІаллакбинчу а, лаьхкинчу а репахойн тІаьххьара виснарг вара иза. 13Амма исраилхоша Гешур а, МаІха а мехкашкара бахархой дІа ца лаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц исраилхошна юкъахь Іаш бу уьш.
14Левин тІаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагІанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.

 

Раабанан тайпанан дакъа

 

15Раабанан тайпанах долчу хІора гаранна латта делира Мусас: 16Арнон-тогІина йистехь йолу ІаруІер-гІала а, цу тогІина чохь йолу гІала а, Мейдебана уллора ерриг шера аре а, 17Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гІаланаш а: Дибон а, Бамот-БаІал а, Байт-БаІал-МеІон а, 18ЯхІац а, Кхадимут а, МейпаІат а, 19Кхиръятим а, Сибма а, тогІи чуьра гу тІехь йолу Царати-Шахьар а, 20Байт-ПаІар а, Пасга-ломан басенаш а, Байт-Яшимут а. 21Цул сов, шерачу арахь йолу ерриг гІаланаш а, Хьешбонехь олалла динчу эмархойн паччахьан Сихьонан берриг мохк а. Мусас хІаллаквинера и паччахь а, маданхойн баьччанаш а: Ивай а, Рекхам а, Цура а, Хьор а, РебаІ а. Цу махкахь Іийна болу а, Сихьонца бертахь хилла болу а элий бара уьш. 22Исраилхоша байинчарна юкъахь БеІаран кІант, пал тосуш волу БалиІам, вара. 23Йордан-хица дара Раабанан тайпанан декъан доза. Цу тайпанах долчу гаранашна дІаелла гІаланаш а, цаьрца йолу ярташ а яра уьш.

 

Гадин тІаьхьенан дакъа

 

24Иштта Гадин тайпанах долчу хІора гаранна а латта делира Мусас. 25Церан долахь яра ЯІзир-гІала а, ГалІад-махкара массо а гІала а, Рабба-гІалина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІекхаччалц долу Іамминхойн ах латта а, 26Хьешбонна тІера Рамат-МицІпина а, Бетанаймна а тІекхаччалц а, Махьанаймна тІера Дибаран дозанна тІекхаччалц а долу латтанаш. 27Йордан-тогІи чохь йолу гІаланаш: Байт-ХІарам а, Байт-Нимра а, Сакхат а, Цапун а. Цул сов, Хьешбонан паччахьан Сихьонан пачхьалкхан кхин долу дакъа (иза Йордан-тогІин малхбалехьа долу латта ду, Канарот-Іомана тІекхаччалц долу). 28Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Гадин тайпанах долчу гаранашна. Схьадаьккхинчу лаьтта тІера церан дакъош дара уьш.

 

Маннашан тайпанан малхбалехь долу дакъа

 

29Маннашан эха тайпанах долчу гаранашна а деллера Мусас латта. 30Церан дакъа дара: Махьанайм-гІали тІера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ІовгІин дерриг а латта, шена чуйогІуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш. 31Ткъа ах ГалІад-мохк а, Башанан паччахь ІовгІа чохь Іийна Іаштарат а, ЭдреІи а гІаланаш а Маннашан кІентан Макиран кІенташна дІаеллера. Макиран кІентех шайн гаранашца эханна кхаьчнера уьш.
32Ерихонна малхбалехьа, Йорданан тогІи чуьра муабахойн аренашкара дерриг а латта дара Мусас царна делларг. 33Левин тІаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.

 

14

 

Йордан-хина малхбузехьа латта декъар

 

1ХІара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаІан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. 2Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. 3Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агІор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. 4Юсупан кІентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тІаьхьенашна латта ца деллера, царна гІаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. 5Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.

 

Килабан дакъа

 

6ЯхІудан тІаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаІ волчу. Епунин кІанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьІахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг. 7Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьІара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дІадийцира цуьнга. 8Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тІера ца велира. 9Цу дийнахь Мусас чІагІо йира суна: „Хьан ког тІебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хІунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тІера ца вели хьо“, – аьлла. 10Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тІаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХІинца сан дезткъе пхи шо ду. 11Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хІинца а гІора долуш ву со. ХІетахь хилла ницкъ бу соьгахь хІинца а тІом бан а, кхин гІуллакх дан а. 12Ткъа хІинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хІетахь, цигахь Іаш Іаьнакхан кІентий бу, церан гІаланаш яккхий а, чІагІйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гІо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».
13Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. 14Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. 15Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.)
Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто.

 

15

 

ЯхІудан тайпанан дакъа

 

1ЯхІудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тІехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра. 2Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хІордан къилбехь болчу берда тІехула долалуш дара. 3Къилбехь Акхрабайм-Іинна тІе а дахана, Цин цІе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьІа-гІалин къилбехьарчу агІонна тІе а дахана, Хьацрани-гІалех тІех а даьлла, цигара дІа Адар-гІала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаІ-гІала йолчухьа дІахьаьвзаш дара и доза. 4Цул тІаьхьа, Іацмун-гІаланах тІех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дІа а дахана, Дуьненаюккъерчу хІорда тІе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхІудан тІаьхьенан къилбехь долу доза.
5Малхбалехь доза Дуьрачу хІордаца дара, Йордан-хи цунах дІакхетачу метте кхаччалц.
Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хІордах кхетачохь долалуш дара. 6Цул тІаьхьа Байт-ХьагІла-гІалина тІе а дахана, юха Байт-Іариба-гІалин къилбаседехьарчу агІонна уллохула доьдура иза. КхидІа БохІанан тІулга тІе доьдура иза. (БохІан Раабанан кІант хилла.) 7Цигара Іахур-тогІи чухула Дибарна тІе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гІалина тІе доьдура доза. Хинан къилбехьара агІор йолчу Адуммим-Іинна дуьхьал лаьтташ яра и гІала. КхидІа, Іейн-Шемешан хиш тІе дІа а дахана, Іейн-РегІалахь чекхдолуш дара иза. 8Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. 9Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тІедоьрзуш дара, ткъа цигара Іепрон-лома тІерачу гІаланаш тІе доьдура. Юха БаІала-гІалина тІедоьрзура иза (тахана цу гІалин цІе Кхиръят-ЯІарим ю). 10БаІалина тІера хІорда тІе а доьрзий, цигара СеІир-лам тІе доьдура доза. Цул тІаьхьа ЯІарайм-ломан (хІинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агІор дІа а доьдий, Байт-Шамаш-гІала йолчу чу а дуссий, Тамна-гІалахула чекхдолура. 11Цигара дІа, Іекхран-гІалин къилбаседехьарчу агІор а долий, Шикрон-гІалина тІедоьдура доза. Юха, БаІала-лома тІехула а долий, Ябниал-гІала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хІорда тІехь яра. 12Цу хІордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агІор иштта доза дара ЯхІудан тайпанах болчу нехан.

 

Килаба Хьеврон а, Дибар а схьаяккхар

 

(Куьйгалхой 1:11-15)

 

13Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) 14Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. 15Кхузара дІа Дибар-гІалин бахархошна тІелетира иза. (Цу гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар яра.) 16Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тІе а летта, и гІала схьаяьккхинчу стаге сайн йоІ Іахисат маре йохуьйтур ю ас». 17Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниал схьаяьккхира и гІала, тІаккха цуьнга шен йоІ Іахисат маре яхийтира Килаба. 18Майрачун цІен тІе дІайоьдучу дийнахь Іотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла[3]. Іахисат вира тІера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХІумма а оьший хьуна?» 19ЙоІа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТІаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дІаделира цунна.

 

ЯхІудан тІаьхьенан гІаланаш

 

20Иштта дара ЯхІудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа: 21Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гІаланаш: Къабциал, Іедар, ЯгІур, 22Кхина, Димуна, Іадада, 23Кхедаш, Хьацор, Йитнан, 24Зип, Телам, БеІалт, 25Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор, 26Амам, ШемаІ, Мулада, 27Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти, 28Хьацар-ШуІал, Беар-ШабаІ, Бизъют-ЯхІу, 29БаІала, Іияйм, Іацам, 30Элтолад, Кесал, Хьорма, 31ЦакхелагІ, Мадмана, Сансана, 32Лебаот, Шелахьим, Іейн, Римун – ерриг а ткъе исс гІала яра шайн ярташца.
33Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гІаланаш: Эштаул, ЦорІа, Ашна, 34Занухь, Іейн-Ганим, Тапухьа, Іейнам, 35Ярмут, Іадулам, Соха, Іазекхи, 36ШаІрайм, Іадитайм, Гадира (я Гадирутайм) – ейтта гІала шайн ярташца.
37Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГІад, 38ДилІан, МицІпа, Якхтаал. 39Лахиш, Боцкхат, ІегІлон, 40Каббон, Лахьмас, Китлиш, 41Гадирут, Байт-ДагІон, НаІмат, Макхеда – ялхитта гІала шайн ярташца.
42Либна, Іетар, Іашун, 43Йиптахь, Ашна, Нециб, 44КъаІила, Ахзиб, Мареша – исс гІала шайн ярташца.
45Іекхран, шеца кегийра гІаланаш а, ярташ а йолуш, 46Іекхранна тІера Дуьненаюккъерчу хІорда тІекхаччалц болу мохк, цу чу йогІуш Ашдод-гІалина уллора гІаланаш а, ярташ а йолуш.
47Ашдод, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а, Іази, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хІорда тІекхаччалц а.
48Лаьмнаш тІехь йолу гІаланаш: Шамир, Итар, Соха, 49Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар), 50Іанаб, ЭштамуІ, Іаним, 51ГІашан, Хьулон, Гило – цхьайтта гІала шайн ярташца.
52Арба, Дума, Эшхьан, 53Янум, Байт-Тапухьа, Апекха, 54ХьумтІа, Кхиръят-АрбаІ (я Хьеврон), ЦиІор – исс гІала шайн ярташца.
55МаІун, Кармал, Зип, ЮтІа, 56ИзраІал, ЯкхдеІам, Занухь, 57Кхаим, ГебаІ, Тамна – итт гІала шайн ярташца.
58Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур, 59МаІарат, Байт-Іанот, Элтакхун – ялх гІала шайн ярташца.
60Кхиръят-БаІал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯІарим), Рабба – ши гІала шайн ярташца.
61Яьссачу арахь царна кхаьчна гІаланаш: Байт-Іариба, Миддин, Секаха, 62Нибшан, Туьха-гІала, Іейн-ГІади – ялх гІала шайн ярташца.
63Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхІудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхІудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Іаш бу Ярушалаймехь.

 

16

 

Эпрайман тайпанан а, Маннашан эха тайпанан а дакъош

 

1Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тІера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тІера, яьссачу арахула дІа а доьдий, шайна тІехь Бетал-гІала йолчу гунаш тІе кхочура иза. 2Бетална тІера Луз-гІалина тІе а доьдий, цигара дІа Іаьркхахойн лаьтта тІехула чекх а долий, Іатрут-гІала кхочура иза. 3Цул тІаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тІекхаччалц дІадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тІе а доьдий, ГІазар-гІалина тІе кхочура. Дуьненаюккъерчу хІорда тІехь чекхдолура и доза.
4Иштта дара Юсупан шина кІентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.

 

Эпрайман тайпанан дакъа

 

5Шайн гаранашкахь Эпрайман тайпанан дакъа иштта дара: церан доза малхбалехь Іатрут-Адар-гІалина тІера Лакхарчу Байт-Хьоронна тІекхаччалц дара. 6Цигара дІа доза хІорда тІе доьдура, Михметатна къилбаседехьарчу агІор а долий. Юха, Таанат-Шилун гІалин малхбалерчу агІор дІа а доьрзий, цунах тІехдолура иза. Ткъа Янохь-гІалина а малхбалехь йолчу агІонгахула дІадоьдура доза. 7Янохьана тІера, Іатрут а, НаІран а гІаланашка чу а дуссий, Ерихонна тІекхочура иза, цигара дІадахча, Йордан-хина тІехь соцура. 8Тапухьа-гІалина тІера малхбузехьа Кхана-хина тІе а доьдий, хІорда тІехь чекхдолура доза. Иштта дара Эпрайман тайпанан гаранашна делла долу дакъа. 9Эпрайман тайпанна елла шайн ярташца йолу гІаланаш Маннашан тайпанан лаьттан декъа тІехь яра. 10Амма Эпрайман тайпанах болчу наха ГІазар-гІалахь Іаш болу канаІанхой дІа ца лаьхкира, таханлерчу дийне кхаччалц эпраймхошна юкъахь бехаш бу уьш, леш санна царна белхаш а беш.

 

17

 

Маннашан эха тІаьхьенан малхбузехь долу дакъа

 

1Юсупан дуьххьарлерчу кІентан Маннашан тІаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кІант Макир ГалІадан да вара. Иза майра тІемало хилла, ГалІад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тІаьхьенашна кхаьчнера. 2Йордан-хин малхбузерчу агІор латта делира Маннашан тайпанах бухабисинчу нахана. Цуьнан тІаьхьенах болу божарий бара уьш: Абу-Іезар а, Хьелакх а, Асриал а, Шехем а, Хьепар а, ШамидаІ а. Царах хІора а шен гаранна тІехь коьртаниг вара. 3Цалпихьад Хьепаран кІант вара, Хьепар ГалІадан вара, ГалІад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кІант вацара, йоІарий бен. Церан цІераш яра: Махьила, НуІат, Хьугила, Малка, Тирца. 4Динан дена ЭлиІазарна а, Нунин кІантана ЮшаІана а, тхьамдашна а тІе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тІедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна. 5Йорданал дехьа долу ГалІадан а, Башанан а латтанаш доцург, Маннашан тайпанна итт дакъа кхечира. 6Цуьнан тІаьхьенах болчу йоІаршна а, кІенташна санна, дакъош кхечира, ткъа ГалІадара латта Маннашан тайпанах долчу кхечу гаранашна дІаделлера.
7Маннашан тайпанан доза Ашарна тІера Михметатана тІекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дІа доза къилбехьа доьдура, Іейн-Тапухьа цІе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш. 8Тапухьа-гІалина гонах долу латта Маннашан тайпанан дара, ткъа дозанна тІехь йолу ша гІала Эпрайман тайпанан яра. 9Юха доза Кхана-хи долчу, къилбехьа агІор, чудуссуш дара. И гІаланаш эпраймхойн яра, ткъа уьш Маннашан тайпанан гІаланаш юкъахь яра. Маннашан тайпанан доза, хин къилбаседерчу агІор дІа а дахана, Дуьненаюккъерчу хІорда тІехь чекхдолуш дара. 10Къилбехьа долу латта Эпрайман тайпанан дара, ткъа къилбаседехьа дерг Маннашан тайпанан дара. Дуьненаюккъера хІорд Маннашан тайпанан малхбузехь долу доза дара, цуьнан къилбаседера доза Ашаран халкъан махкаца дара, ткъа малхбалераниг Иссарханан халкъан махкаца дара. 11Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тІехь йолу гІаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалІам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гІаланаш а. Цул сов, хІокху гІаланашкахь а Іаш бара уьш: Дор, Іейндар, ТаІнак, МагІидда, царна гонах йолу гІаланаш а (царах кхозлагІниг Напат яра). 12Цу гІаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаІанхой цу лаьтта тІехь баха бисира. 13Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаІанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара.

 

Юсупан тайпано латкъам бар

 

14Юсупан тайпано элира ЮшаІе: «Тхуна цхьаъ бен дакъа хІунда ца делла ахьа? Тхо дуккха а ма ду, Везачу Эло тхо декъалдина дела».
15ЮшаІа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гІой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тІехь шайна меттиг яккха».
16Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаІанхой шерачу арахь а, тогІи чохь а Іаш бу. Церан аьчках йина тІеман гІудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Іаш берш а, ИзраІал-тогІи чохь Іаш берш а тІеман гІудалкхаш йолуш бу».
17Амма ЮшаІа элира Юсупан тІаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Іийр дац шун: 18ламанан мохк шун хир бу. Цу тІехь хьун елахь а, аш иза дІацІанбийр бу, тІаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаІанхой дІалохкур бу, церан аьчка гІудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а».

 

18

 

Дисина латта декъар

 

1Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. 2Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхІ тайпа дара. 3ЮшаІа элира исраилхошка: «Кхин мел Іан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш? 4ХІора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дІаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХІора тайпанна догІучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дІа а яздина, суна тІе юхабогІур бу уьш. 5Латта ворхІ декъе декъа деза. ЯхІудан тайпа шен лаьтта тІехь къилбехь Іийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тІехь къилбаседехь Іийр ду. 6Лаьттан ворхІ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу. 7Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хІунда аьлча Везачу Элана гІуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агІор схьаэцна».
8Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дІабахале, ЮшаІа царна тІедиллира: «Даха а гІой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дІа а яздай, суна тІе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу». 9Уьш, дІа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гІала а тептар тІехь ворхІ декъехь дІаязйира цара. Юха ЮшаІ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш. 10ЮшаІа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хІора тайпанна дІадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.

 

Бен-Яманан тайпанан дакъа

 

11Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхІудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Іуьллуш дара церан латта. 12Къилбаседерчу агІор церан доза Йордан-хина тІера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тІе хьаладолура иза. Цигара дІа Байт-Аван цІе йолчу яьссачу аренга кхочура иза. 13Юха доза, Луз-гІалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тІе а доьдий, цигара Іатрут-Адар-гІала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гІалин къилбехьарчу агІор лаьттачу лома тІе доьдура. 14Цул тІаьхьа, цу ломан малхбузерчу агІонна тІера къилбехьа дІа а доьрзий, ЯхІудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаІал-гІалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯІаримна) тІедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара. 15Къилбера доза, Кхиръят-ЯІаримна тІера дІа а долалой, Нептухь цІе йолчу хьостана тІе кхочура. 16Юха, ХІинам-тогІина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогІи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гІалин къилбехьарчу агІор ХІинам-тогІи чу дуссура иза, цигара дІа Іейн-РегІал цІе йолчу хьостана тІе доьдура. 17Цул тІаьхьа, къилбаседехьа дІа а доьрзий, Іейн-Шемешана тІе а доьдий, цигара дІа Адуммим-Іинна дуьхьал йолчу Галилутна тІедоьдура доза. Цигара дІа Раабанан кІентан БохІанан тІулг болчу чудуссура иза. 18Юха, Іариба-тогІина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агІор дІа а доьдий, тогІи чу дуссура иза. 19Цул тІаьхьа, Байт-ХьагІла-ломан къилбаседерчу агІор чекх а долий, Дуьрачу хІордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хІордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза. 20Малхбалера доза хилла догІуш Йордан-хи дара. Массо а агІор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа.
21Бен-Яманан тайпанан хІара гІаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагІла, Іемакх-Кхациц, 22Байт-Іариба, ЦІемарайм, Бетал, 23Іавайм, Пара, Іапру, 24Кепар-Іамуна, Іапни, ГибаІ – шийтта гІала шайн ярташца. 25ГавІон, Рама, Баировт, 26МицІпа, Капира, Моца, 27Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала, 28ЦелаІ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаІ, Кхиръят-ЯІарим – ейтта гІала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош.

 

19

 

ШимІин тайпанан дакъа

 

1ШолгІа кхаж ШимІин тайпанна белира. ЯхІудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош. 2Царна кхаьчнарг хІара дара: Беар-ШабаІ (я ШебаІ), Мулада, 3Хьацар-ШуІал, Бала, Іацам, 4Элтолад, Бетул, Хьорма, 5ЦакхелагІ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса, 6Байт-Лебаот, Шарухьен – кхойтта гІала шайн ярташца.
7Іейн, Римун, Іетар, Іашун – йиъ гІала царна гонах йолчу ярташца. 8Цул сов, цу гІаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаІалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тІекхаччалц. Иштта дара ШимІин тайпанан дакъа. 9ЯхІудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимІин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимІин тайпанах болчеран латта.

 

Забулан тайпанан дакъа

 

10КхоалгІа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гІалина тІекхаччалц дІадоьдура. 11Юха, малхбузехьа МарІалана тІе а доьдий, цигара дІадахча, Дабешетах дІа а кхетий, тІаккха ЯкхнаІамна уллорачу хина тІе кхочура иза. 12Саридана тІера малхбалехьа Кислут-Табурна тІедоьрзура доза, цул тІаьхьа Дубратана тІе а доьдий, юха ЯпияІ йолчу хьаладолура иза. 13Цул тІаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Іет-Кхацинна а тІе а кхочий, кхидІа Римуна тІе а доьдий, НеІа йолчу агІор дІадоьрзура. 14Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дІадоьрзура, кхидІа а доьдий, Яптахь-Эл-тогІи чохь чекхдолура. 15Церан лаьтта тІехь шийтта гІала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хІорш ю: КхатІат, НахІлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам. 16Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.

 

Иссарханан тайпанан дакъа

 

17БоьалгІа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира. 18Церан лаьтта тІехь яра: ИзраІал, Кесулот, Шунам, 19Хьапарайм, Шион, Анахьарат, 20Рабит, Кхишон, Эбец, 21Ремет, Іейн-Ганим, Іейн-Хьада, Байт-Пацац. 22Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тІе а кхочий, цигара дІадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гІала яра шайн ярташца. 23Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.

 

Ашаран тайпанан дакъа

 

24ПхоьалгІа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира. 25Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап, 26Алам-Малик, ІамІад, Мишъал. Малхбузерчу агІор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тІекхочура. 27Юха, малхбалехьа Байт-ДагІон йолчу дІа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогІина а тІекхочура иза. Цул тІаьхьа къилбаседехьарчу агІор Байт-Іамакхна, НеІилна а тІех а долий, Хабулна тІекхочура иза. 28Цул тІаьхьа доза, Іабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тІе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦІаданна тІекхаччалц дІадоьдура. 29Рама-гІала йолчу юха а доьрзий, цигара дІа чІагІйина йолчу Цора-гІалина тІедоьдура доза, ткъа цигара дІа Хьоса-гІалина тІедоьрзура. ХІорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. 30Іума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гІала яра шайн ярташца. 31Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.

 

Напталан тайпанан дакъа

 

32ЙолхалгІа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира. 33Церан доза, Хьелеп-гІала а, ЦаІнаним-гІалина уллора нежнаш а долчуьра дІадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тІе а доьдий, Лакхумна тІекхочура. Ткъа цигара дІадахча, Йордан-хи тІехь чекхдолура иза. 34Кхузара дІа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тІе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тІе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дІахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дІахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тІе кхочура[4]. 35ЧІагІйина гІаланаш хІорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот, 36Адама, Рама, Хьацор, 37Кхедаш, ЭдреІи, Іейн-Хьацор, 38Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Іанат, Байт-Шамаш – ткъайоьсна гІала шайн ярташца. 39Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.

 

Данан тайпанан дакъа

 

40ВорхІалгІа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира. 41Церан декъа чуйогІуш яра: ЦорІа, Эштаул, Іир-Шемеш, 42ШаІалбан, Айлон, Йитла, 43Эйлон, Тамна, Іекхран, 44Элтакха, Габитун, БаІалт, 45ЙихІуд, Бини-Биракх, Гати-Римун, 46Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гІалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира. 47ТІаккха, Лешем-гІалина тІе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хІаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гІалахь баха хевшира уьш, цуьнан цІе Дан а тиллина, шайн ден Данан цІарах. 48Иштта гІаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.

 

Нунин кІентан ЮшаІан дакъа

 

49Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кІантана ЮшаІана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша. 50Везачу Эло тІе-ма-диллара, ЮшаІа шена ехна йолу гІала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тІехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГІала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаІ.
51Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.

 

20

 

ДІалочкъийла йолу гІаланаш

 

1Везачу Эло ЮшаІе элира: 2«ДІаала исраилхошка: „Стагана дІалачкъа гІаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара. 3Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дІалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дІадовда а, бекхам лоьхучух цу гІалахь дІалачкъа а. 4Ишттачу гІала ведда веанарг, гІалин кевне а хІоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дІадийца дезаш ву. Цара, шайн гІалахь тІе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна. 5Иза вен дагахь бекхам лоьхург тІаьхьаваьлча, тхьамданаша дІалур вац ведда веанарг, хІунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан. 6Кху гІалахь Іийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хІотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тІаьхьа стаг вийнарг шен гІала а, шен цІийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».
7Галилай-махкахь Напталан гунаш тІехь йолу Кхедаш-гІала а, Эпрайман лам тІера Шехем-гІала а, ЯхІудан гунаш тІера Кхиръят-АрбаІ а (кхечу тайпана Хьеврон) дІакъастийра. 8Йордан-хил дехьа, Ерихон-гІалина дуьхьал, малхбалехьа цара дІакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гІала, Гадин тайпанах ГалІад-махкахь Рамат-гІала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гІала. 9И гІаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Іаш болчу тІебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хІотталц, дІалачкъархьама, бекхам бан гІерташ болчу мостагІаша иза веле.

 

21

 

Левихойн гІаланаш

 

1Левихойн тІаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиІазарна а, Нунин кІантана ЮшаІна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тІе. 2КанаІан-махкахь йолчу Шилун-гІалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тІедиллина, тхуна чохь Іан гІаланаш а, даьхни лело цу гІаланашна уллора аренаш а ло аьлла». 3Везачу Эло тІе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гІаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. 4Хьалхара кхаж КхахІатан тІаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхІудан а, ШимІин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхІаронан кІенташна, кхойтта гІала елира. 5Кхаж баларца КхахІатан кхечу тІаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гІала кхечира. 6ГІиршанан тІаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цІе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гІала кхечира кхаж баларца. 7Мерарин тІаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гІала кхечира. 8Везачу Эло Мусагахула шайна тІе-ма-диллара, и гІаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дІаелира исраилхоша.
9ЯхІудан а, ШимІин а тайпанаша левихошна еллачу гІаланийн цІераш иштта яра: 10КхахІатан тІаьхьенах болчу АхІаронан кІенташна а, Левин кІенташна а, царна кхаж хьалха баларна, 11Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). 12Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира.
13Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. 14Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гІала а, шен аренашца ЭштамуІ-гІала а, 15Хьулон-гІала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гІала а, цуьнан аренаш а, 16Іейн-гІала а, цуьнан аренаш а, ЮтІа-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гІала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гІала яра. 17Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, 18Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. 19АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра. 20КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш. 21Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. 22Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш. 23Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, 24Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг. 25Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра. 26КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра. 27ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. 28Иссарханан тайпано елира гІаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. 29Ярмут а, цуьнан аренаш а, Іейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала елира цара. 30Ашаран тайпано елира гІаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Іабдани а, цуьнан аренаш а. 31Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елла. 32Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. 33ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра. 34Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, 35Димна а, цуьнан аренаш а, НахІлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала. 36Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, 37Кхадимут-гІала а, цуьнан аренаш а, МейпаІат-гІала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. 38Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. 39Кхин а елира Хьешбон-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯІзир-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. 40Кхаж тасарца Мерарин тІаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гІала яра.
41Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархІ гІала а, царна гонахара аренаш а яра. 42Цу гІаланашна гонах аренаш яра, хІора гІалин шен латта а долуш.

 

Исраилхоша шайн мехкан доладар

 

43Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чІагІо йина болу мохк исраилхошна дІабелира. Иза схьа а эцна, цу тІехь баха хевшира уьш. 44Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий. 45Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира

 

22

 

ЮшаІа Йорданал дехьара исраилхойн тайпанаш дІахоьцу

 

1Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тІе а кхайкхина, ЮшаІа элира цаьрга: 2«Везачу Элан ялхочо Мусас тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тІаьхьа массо а даше ла а доьгІна. 3ХІара де тІекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дІатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тІедиллинарг кхочуш а дира. 4ХІинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХІинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тІе дІа а гІой, шайн четарш чу юхадерза. 5Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Іалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гІуллакх дар а». 6Цул тІаьхьа, уьш декъал а бина, дІабахийтира ЮшаІа. Уьш шайн четаршка дІасабекъабелира. 7Маннашан тайпанан цхьаьна декъана Башанехь латта Мусас делира, ткъа вукху декъана латта Йорданал дехьа, малхбузехьа, шен вежаршца ЮшаІа делира. Шайн четаршка дІабохуьйтуш, цо уьш декъалбира. 8ЮшаІа элира цаьрга: «Доккхачу хьолаца юхадоьрзуш ду шу шайн четаршка, шуьгахь дуккха а даьхни а, дети а, деши а, цІаста а, эчиг а, тайп-тайпана духарш а ду. Шайн вежаршца екъа мостагІашкара шаьш яьккхина йолу хІонс».
9Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан тайпанах ах дакъа а исраилхой болчуьра КанаІан-махкахь йолчу Шилунера дІадахара. Везачу Элан омрица Мусагахула шайна деллачу, ГалІад-махкахь долчу лаьтта тІе бахара уьш.

 

Йордан-хина уллохь болу сагІа доккху кхерч

 

10КанаІан-махкахь, Йорданна уллохь, Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а сагІа доккху боккха кхерч бира. 11Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаІан-махкахь, Йорданна уллохь, сагІа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал». 12Шайна иза хезча, берриге а исраилхой Шилунехь вовшахкхийтира царна дуьхьал тІаме бовла.
13Амма цкъа хьалха исраилхоша ЭлиІазаран кІант волу динан да Пайнехьас вахийтира ГалІад-махка, Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу. 14Цуьнца цхьаьна исраилхойх хІора тайпанан тхьамда а вахара. Уьш итт вара, царах хІора а эзарнаш исраилхошна тІехь тхьамда вара. 15Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалІад-махка баьхкина, цара элира: 16«Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хІун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тІера дІа а дирзина, шайна сагІа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла? 17Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таІзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цІандалаза долу ПаІора дина зулам кІезиг дара вайна? 18Ткъа шу Везачу Элах дІадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгІазгІур ву. 19Шайн долахь долу латта шайна цІена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тІе довла. Цу тІехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагІа доккхург боцург, кхин кхерч а бай. 20Хьарам динчунна тІера хІума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кІант цхьа Іахан бен вацара, ткъа оьгІазалла берриг а исраилхошна тІе йоьссира. И цхьаъ велла ца Іара шен зулам бахьана долуш“».
21Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а жоп делира исраилхойн тхьамданашка: 22«Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дІадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна! 23Нагахь оха сагІа доккху кхерч Везачу Элах дІакъастархьама бинехь, я цу тІехь дийнаташ дагоран а, баьпкан а, бертан а сагІанаш даха бинехь, Везачу Эло Ша таІзар дойла тхуна! 24Оха иза дина, цхьана хІуманах кхоьруш: тІейогІучу хенахь шун кІенташа тхайчаьрга ца алийта: „Шун хІун гІуллакх ду Везачу Элаца, исраилхойн Делаца! 25Везачу Эло Йорданах доза дина тхуна а, шуна а юккъехь, Раабанан а, Гадин а тайпанаш: Везачу Элехь шун дакъа дац“. Иштта шун кІенташа тхайнаш Веза Эла лара тІебуьтур бацара. 26Цундела элира оха, дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагІанашна а боцуш, кхерч бер вай ваьшна. 27Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагІанаш дохуш а, совгІаташ луш а Везачу Элана гІуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тІаьхьенашна а иза теш хилийта, тІейогІучу хенахь шун кІенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“. 28Оха бохура, нагахь тхоьга а, тхан тІаьхьенашка а тІейогІучу хенахь иштта алахь, оха эр ду: „Везачу Элана леринчу кхерчан кепехь бина кхерч гой шуна? Иза тхан дайша дийнаташ дагоран а, кхечу тайпанан сагІанашна а лерина ца бина, тхуна а, шуна а юкъахь теш хилийта бина“. 29ТІе ма догІийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дІа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагІанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».
30Пайнехьас а, халкъан тхьамданаш а, исраилхойн эзар стагана тІехь болу куьйгалхой а, Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанех болчара ден къамел а хезна, царна резахилира. 31ЭлиІазаран кІанта, динан дас Пайнехьаса, элира Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанашка: «Тахана вайна хии, Веза Эла вайна юкъахь вуйла, хІунда аьлча аша Везачу Элана дуьхьал зулам ца дина, хІинца Цуьнан таІзарх вайн халкъ кІелхьардаьккхи аша».
32ЭлиІазаран кІант волу динан да Пайнехьас а, халкъан куьйгалхой а Раабанан а, Гадин а тайпанаш долчуьра, ГалІадера, КанаІан-махка, исраилхошна жоп дахьаш, юхабаьхкира. 33Исраилхой реза бара шайна хезначунна, Далла хастам бира цара. Кхин ца дийцира цара, тІамца дахана, Раабанан а, Гадин а тайпанаш тІехь Іаш болу мохк бохор бу аьлла.
34Шаьш бинчу кхерчан цІе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хІунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара.

 

23

 

ЮшаІан весет

 

1Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагІех кІелхьарбаьхначул тІаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаІ, къан а велла, хене вирзинера. 2Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаІа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хІинца, къан а велла, хене а вирзина. 3Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тІом беш. 4Малхбалерчу Йордан-хи тІера малхбузерчу Дуьненаюккъера хІорда тІекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дІаделла ас. Вай хІинцале хІаллакдинчу къаьмнийн а, хІаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дІаделла шуна. 5Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дІа а даьхна, дІалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дІадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара. 6Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь дерг дерриг а, цунна тІера цхьа гІулч дІаса а ца довлуш. 7Шайна юкъахь дисинчу халкъех дІа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цІарах чІагІонаш а ма е, царна гІуллакх а, Іибадат а ма де. 8Шайн Везачу Далла тешаме хила, хІинццалц шаьш ма-хиллара. 9Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дІалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац. 10Шух цхьаммо эзар стаг дІаэккхаво, хІунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тІом беш, Ша шуьга ма-аллара. 11Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела. 12Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дІакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь, 13хаалаш: шун Везачу Дала дІалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пІендаршна тІе шед а, бІаьргашна чу баІ а хилла дІахІуьттур ду. Эххар а шу тІепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тІера.
14Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хІинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваІданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш! 15Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваІда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТІаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера Цо тІепаза дойур ду шу. 16Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тІебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Іибадат дахь, Везачу Элан оьгІазалла юссур ю шуна тІе. ТІаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера сихха дІадевр ду шу».

 

24

 

Шехем-гІалахь ЮшаІа дина весет

 

1Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тІехьовсурш а Шехем-гІалахь гулбира ЮшаІа. Уьш берриш а Далла хьалха хІиттира. 2Дерриг а халкъе ЮшаІа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Іийна шун дай. ИбрахІиман а, Нахьиран а да ТІахьир а Іийна цигахь. Цара кхечу деланашна Іамал йора. 3Амма Ас шун да ИбрахІим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаІан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тІаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира, 4Исхьакхана Якъуб а, Іесав а велира. Іесавана СеІир-лам белира тІаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кІентий а Мисар-махка дІабахара. 5Ас Муса а, АхІарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тІе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тІаьхьа шу цигара арадехира. 6Шун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хІорда тІе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гІудалкхашца а, дошлошца а, царна тІаьхьабевлла, Эрзийн хІорда тІе кхечира. 7ТІаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тІе хІорд а хецна, уьш хІаллакбира. Шун бІаьргашна гина Ас Мисарахь динарг.
Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь. 8Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Іаш болчу эмархойн лаьтта тІе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дІабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хІаллакбира уьш шуна хьалха. 9Муабахойн паччахь, Ципуран кІант Балакх, гІаьттира тІамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеІаран кІант БалиІам валавайтира, цуьнга шуна неІалт кхайкхадайта. 10Амма Суна ца лиира БалиІаме ладогІа, тІаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кІелхьардехира шу. 11Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаІанхой, хьетахой, гІиргІашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дІабелира уьш. 12Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тІе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Іедашца а дина дацара иза. 13Аш тІехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гІаланаш елла, царна чохь Іаш ду шу хІинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».
14КхидІа ЮшаІа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цІена а, даггара а Цунна Іамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Іачу хенахь шайн дайша Іамал йина деланаш дІа а тасий, Везачу Элана бен Іамал ма е. 15Нагахь санна Везачу Элана Іамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гІуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Іаш болчу хенахь шайн дайша Іамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тІехь Іаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цІийно а Везачу Элана Іамал йийр ю».
16Халкъо жоп делира: «ХІан-хІа, оха Веза Эла дІа а тесна, кхечу деланашна Іамал йийр яц! 17Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хІуманаш кхочушдина тхан бІаьргашна хьалха, схьадогІучу новкъахь тхо Іалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина. 18Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тІехь Іийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дІалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Іамал йийр ю Цунна, хІунда аьлча Иза тхан Дела ву».
19ЮшаІа элира халкъе: «Везачу Элана Іамал ялур яц шуьга, хІунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а. 20Нагахь Веза Эла дІа а тесна, хийрачу деланашна аш Іамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таІзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хІаллакдийр ду шу».
21Халкъо ЮшаІе элира: «ХІан-хІа, оха Везачу Элана Іамал йийр ю».
22ЮшаІа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Іамал ян шайна хаьржина хиларх».
Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!»
23«Делахь, шайн хІинца болу хийра деланаш дІа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тІедерзаде», – элира ЮшаІа.
24Халкъо элира ЮшаІе: «Тхайн Везачу Далла Іамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугІур ду оха». 25Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тІедиллира ЮшаІа. 26Дала тІедиллинарг яздинчу тептар тІе и дерриг а дІаяздира ЮшаІа. Юха боккха тІулг, схьа а эцна, Везачу Элан цІенна уллохь лаьттачу ножана кІел охьабиллира цо. 27Дерриг а халкъе ЮшаІа элира: «ХІара тІулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тІулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта». 28Юха халкъ дІадахийтира ЮшаІа. Массо а шен-шен цІа, шен декъа тІе, дІавахара.

 

ЮшаІ а, ЭлиІазар а кхалхар

 

29Цул тІаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кІант ЮшаІ, кхелхира. Цуьнан бІе итт шо дара. 30Шен лаьттан декъа тІехь, ГаІаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тІехь лаьттачу Тамнат-Серахь цІе йолчу гІалахь, дІавоьллира иза.
31Исраилан халкъо ЮшаІ дийна волчу хенахь Везачу Элана Іамал йора. ЮшаІ кхелхича, цул тІаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гІуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Іамал.
32Шехемехь дІайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьІахкаш. Уьш дІайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кІенташкара Якъуба эцна яра, бІе дато ахча а делла. Юсупан кІенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.
33АхІаронан кІант ЭлиІазар а кхелхира. Цуьнан кІантана Пайнехьасана Эпраман лам тІехь беллачу гу тІехь дІавоьллира иза.

 

 

 

Куьйгалхой

Мехкан куьйгалхой

 

Дешхьалхе

 

Мехкан куьйгалхой цІе йолу тептар Исраилан халкъан историх долчу дийцарех дуьзна ду. Исраил-махкахь Іедал доцуш хиллачу заманах лаьцна ду и дийцарш: халкъ КанаІан-махкана чудогІучу хенахь дуьйна, пачхьалкх дІахІутту хан тІекхаччалц. «Мехкан куьйгалхой» цІе йолчу турпалхойх лаьцна ду и дийцарш. Дукха хьолахь тІеман хьаькамаш бара и мехкан куьйгалхой. Уггар гІарабевллачарах цхьаъ Шамшон вара. Цуьнан гІуллакхаш дІаяздина ду 13-чу коьрта тІера дуьйна, 16-чу коьртана тІекхаччалц.
Цу тептаран коьрта хьехам иштта бу: Исраилан халкъан кІелхьардалар Далла тешаме хиларца доьзна ду. Ткъа массо а хенахь тешам боцуш хиларо бохамна тІедугІу иза. Цул сов, кхин цхьа хьехам а бу цу тептар тІехь: халкъ Далла тешаме а ца хилла, бохам баьлча, Дела даим кийча хилла Шен халкъ кІелхьардаккха, иза, дохко а даьлла, Шена тІе юхадирзича.

 

1

 

ЯхІуда канаІанхошца тІом бо

 

1ЮшаІ кху дуьнен чуьра дІаваьллачул тІаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаІанхошца тІом бан?» – аьлла.
2Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш гІур бу. Аса хІара мохк церан кара дІабелла».
3Шайн вежарий болчу ШимІин тайпане гІо дийхира ЯхІудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хІоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тІехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан а гІо дахь, оха а шуна гІо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимІин тайпа а, 4ЯхІудан тайпа а цхьаьна тІамца тІедахара цига. Везачу Эло царна гІо дира канаІанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гІалахь итт эзар стаг вийра цара. 5Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаІанхой а, перезахой а эшийра цара. 6Адани-Безакх ведда кІелхьарвала гІоьртира, амма кхара, цунна тІаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пІелгаш дехира. 7Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пІелгаш дІахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХІинца Дала соьца а и гІиллакх хІоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дІавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.

 

ЯхІуд-тайпано Ярушалайм а, Хьеврон а эшайо

 

8ЯхІудан тІаьхьено Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гІала ягийра. 9Цул тІаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегІаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тІехь а бехаш болчу канаІанхошца тІом бан бахара. 10ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.

 

Дибар-гІала эшор

 

(ЮшаІ 15:13-19)

 

11Цигара бевлча, яхІудхой Дибар-гІалин бахархошна тІелата бахара (Дибар-гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар хилла). 12Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоІ Іахисат маре дІалур ю аса». 13Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниала и гІала схьаяьккхира. ТІаккха Килаба цуьнга шен йоІ Іахисат маре дІаелира. 14Іотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла[1]. Шен йоІ вир тІера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?»
15Іахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегІаб-аре ахьа суна елла, хІинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дІаделира цо цунна.

 

Кхиболу тІемаш

 

16Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара[2] дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. 17ЯхІудхой шимІахошца цхьаьна Цепат-гІалахь бехаш болчу канаІанхошна тІелетира, ерриг гІала йоха а еш. Цундела тиллина цу гІалин цІе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду). 18ЯхІудхоша иштта Іази-гІала а, Ашкхилун а, Іекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира. 19Веза Эла ЯхІуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хІунда аьлча цаьргахь аьчка гІудалкхаш яра. 20Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дІаелира, ткъа цо Іаьнакхан кхо кІант цигара лаьллина дІавахийтира. 21Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу.

 

Юсупан тІаьхьено Бетал-гІала эшор

 

22Юсупан тІаьхье Бетал-гІалина тІелетира. Веза Эла цаьрца вара. 23Юсупан тІаьхьено нах бахийтира, Бетал-гІалина таллам бе аьлла (хьалха цу гІалин цІе Луз хилла). 24Тергам беш болчарна, цу гІалара ара а ваьлла, схьавогІуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГІалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна». 25Цо царна гІалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тІаьхьенах болчара цу гІалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дІабахийтира. 26Иза, хьетахойн латта долчу дІа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цІе йолу гІала. И цІе хІинца а йоккхуш ю.

 

Махкара ара ца дахаделла къаьмнаш

 

27Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира. 28Исраилан халкъ, са чу а деана, дІахІоьттича, цара канаІанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дІа а ца лаьхкира.
29Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГІазарахь бехаш болу канаІанхой цу лаьтта тІера дІабаха. Эпрайман тІаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира.
30Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахІлалахь а Іаш болу канаІанхой дІабахийта. Шайн латтанаш тІера дІа а ца бахабелла, Забулан тІаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дІахІиттийнехь а.
31Ашарарчу халкъо а дІа ца лаьхкира Іакхора а, ЦІаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой. 32Ашаран некъий цу махкара болчу канаІанхошца бехаш Іаш бара, хІунда аьлча уьш цаьрга цигара дІа ца лахкабелира.
33Напталан наха а ца лаьхкира дІа Байт-Шамашера а, Байт-Іанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш.
34Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура. 35Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тІе баха ховша – Айлонехь а, ШаІалбанахь а. Амма тІаьхьо Юсупан тІаьхье чІагІъелла дІахІоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура.
36Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цІе йолчу ламанан Іинна тІера СилаІана тІекхаччалц Іуьллуш дара.

 

2

 

Везачу Элан Малик Бухимехь

 

1Галгалара Бухиме а деана, Везачу Элан Малико элира: «Мисар-махкара ара а даьхна, Айса шун дайшна ваІда динчу лаьтта тІе схьадалийна Аса шу. Цу хенахь Аса элира: „Айса шуьца бина болу барт Аса цкъа а бохор бац. 2Ткъа шун а, кху лаьтта тІехь Іаш болчу нахаца барт а хилла, Іан йиш яц. Аша церан сагІа доккхуш йолу меттигаш хІаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгІира. ХІунда дина аша иза? 3Ткъа хІинца Аса шуьга боху: „Аса и нах шун лаьтта тІера дІалохкур бац. Уьш шуна мостагІий хилла дІахІуьттур бу, ткъа церан харцделанаш шуна гур хилла дІахІуьттур бу“». 4Везачу Элан Малико шайга аьлла долу дешнаш дІахезча, Исраилан халкъ доьлхуш дІахІоьттира. 5Цундела ю цу меттиган цІе Бухим (иза «доьлхурш» бохург ду). Цигахь цара Везачу Элана сагІанаш дехира.

 

ЮшаІ кхелхинчул тІаьхьа хилларг

 

6ЮшаІа исраилхой дІасабахийтира. ХІора исраилхо шен-шен доьзалан латта доладаккха дІавахара. 7ЮшаІ дийна мел ву, Везачу Элана гІуллакх деш схьадеара Исраилан халкъ. ЮшаІ кхелхинчул тІаьхьа а, Везачу Эло Исраилан халкъан дуьхьа динарг гина болу къаной коьртехь болчу хенахь а Цунна гІуллакх деш схьабаьхкира уьш. 8Везачу Элан лай волу Нунин кІант ЮшаІ дІакхелхира шен бІе итт шо долчу хенахь. 9Исраилан халкъо иза шен лаьтта тІехь Тамнат-Хьарасехь дІавоьллира. Иза яра Эпрайман лаьмнаш долчохь болчу ГаІаш-ломана къилбаседехьара йолу меттиг. 10И массо а тІаьхье дІаяьлча, царах схьабевлла нах тІекхиира. Царна Веза Эла а ца вевзара я Исраилан халкъана Цо дина долу гІуллакх а ца хаьара.

 

Исраилан халкъ Везачу Элана Іибадат дечуьра сацар

 

11ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. 12Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. 13Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. 14Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. 15Исраилан халкъо миччахь тІом бича а, иза эшна хуьлура, хІунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чІогІа балехь дара.
16Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. 17Амма халкъо цаьрга а ла ца дугІура. Кхечу деланашна тІе а дирзина, царна корта а бетташ, лелара Исраилан халкъ. Шайн дайша Везачу Эло бохург а деш, цара дІакхехьначу некъа тІера сихха дІадаьллера адам. 18Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кІелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. 19Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чІогІа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чІогІа юхахьадаьлла, шаьш дІахьош болчу харцнекъана тІера дала лууш дацара. 20Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Исраилан халкъана. Цо элира: «И халкъ, Аса шайн дайшца бина болу барт бохош, схьадогІуш ду, цо Соьга ла ца дугІу. 21ЮшаІ веллачул тІаьхьа цо кхузахь тІаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хІинцачул тІаьхьа дІакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш. 22Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тІехула дІадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара». 23Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дІа ца лохкуш, ЮшаІан кара а ца дахийтира.

 

3

 

Лаьтта тІехь дисина къаьмнаш

 

1Цхьадолу къаьмнаш цу лаьтта тІехь а дитина, цкъа а канаІанхойн махкахь тІом база болу исраилхой зен лууш хилла Веза Эла. 2Цо иштта динера, Исраилан халкъан тІаьхьенах тІом база болчарна тІеман гІуллакх карадерзийтархьама. 3Везачу Эло цу лаьтта тІехь дитинчу къаьмнийн цІераш хІорш ю: пІелаштамхойн пхеа гІалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаІанхой а, цІаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаІал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тІекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а. 4И къаьмнаш дитина хилла цаьргахула исраилхой зерхьама, цара Везачу Эло Мусагахула шайна тІедиллинарг кхочушдойла хьожуш. 5Иштта исраилхой бехаш Іаш хилла канаІанхошний, хьетахошний, эмархошний, перезахошний, хьаьвихошний, явсайхошний юкъахь. 6Церан зудабераш шайна маре а далош, шайн зудабераш церан кІенташка маре дІа а дохуьйтуш, церан деланашна гІуллакх а деш, Іаш хилла уьш.

 

Мехкан хьалхара куьйгалхо волу Іотниал

 

7Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна Іибадат дора цара. 8Веза Эла оьгІазвахара Исраилан халкъана. Цундела Цо иза Арам-махкарчу паччахьан Кушан-Рашхьатайман кара дІаделира. БархІ шарахь Іийра Исраилан халкъ Кушан-Рашхьатайман куьйга кІелахь. 9ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. 10Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман[3] паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. 11Шовзткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тІехь. Цул тІаьхьа Кхеназан кІант Іотниал кхелхира.

 

Мехкан куьйгалхо волу АхІуд

 

12Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Везачу Эло муабахойн паччахь волчу ІегІлонна[4] Исраилан халкъана дуьхьалхІотта ницкъ белира. 13Цо, Іамалекхахой а, Іамминхой а ша волчу схьа а гулбина, цаьрца цхьаьна исраилхой эшийра, хурма-диттийн гІала кара а ерзош. 14Муабахойн паччахь волчу ІегІлонан куьйга кІелахь хилира исраилхой берхІитта шарахь.
15Халкъо юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца дехира. Ткъа Везачу Эло Бен-Яманан тайпанах волчу Герин кІант АхІуд вахийтира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза ша гезолг вара. Исраилан халкъо АхІуд вахийтира муабахойн паччахь волчу ІегІлонна совгІаташ эцна. 16Цо шена, цхьа дол еха а йолуш, шинна а агІор ира а йолуш, шаьлта кечйинера. И шаьлта цо шен бедаршна бухахь аьтту хаьн тІехь дІайихкинера. 17АхІуд, совгІаташ а эцна, муабахойн паччахь волчу вахара. ІегІлон ша чІогІа зоьртала стаг вара. 18СовгІаташ дІаделлачул тІаьхьа, АхІуда уьш схьадахьаш шеца баьхкина болу нах дІабахийтира. 19Галгалахь лаьтташ болчу тІулган цІушна уллохула дІавоьдуш волчуьра юха а вирзина, цо паччахье элира: «Паччахь, сан хьоьга къайлаха ала дезаш хІума ду».
«ЛадогІалаш! ДІате!» – элира паччахьо. Цунна гІуллакх деш болу массо а нах арабевлира.
20АхІуд паччахь волчу чувахара. ІегІлон шийлачу лакхарчу цІа чохь Іаш вара. АхІуда цуьнга элира: «Делера дош ду сан хьоьга дІаала дезаш». Паччахь шен гІанта тІера хьалагІаьттира. 21АхІуда аьтту хаьн тІехь кхозуш йолу шаьлта, аьрру куьйгаца схьа а яьккхина, паччахьан гайх чекхъяьккхира. 22Шаьлта, ираллина тІаьххье мукъ а хьуллуш, кІорга чуяхнера. Паччахьан гай чохь йолчу махьарша шаьлтанан мукъ къайлабаьккхинера. Цундела АхІуда шаьлта ша йолччохь йитира. Чов йинчу меттехула чуьйраш араевлира. 23АхІуд ученехула аравелира, шена тІаьхьара лакхарчу чоьнан неІарш дІа а къовлуш. 24Иза араваьллачул тІаьхьа, ІегІлонан ялхой схьабаьхкира. НеІ дІакъевлина шайна гича, цара элира: «Шен гІуллакх дан сецна хир ву иза шийлачу цІа чохь». 25Ялхой собардеш дуккха а Іийра, амма лакхарчу цІийнан неІ цхьаммо а схьа ца йиллира. ДогІа схьа а эцна, неІ схьайиллира цара. Лаьттахь велла Іуьллуш волу шайн олахо гира царна.
26Ялхой паччахь араваларе хьоьжуш лаьттинчу юкъана АхІуд къайлавелира. ЦІушна уллохула тІех а ваьлла, иза СаІирахь кІелхьарвелира. 27Цига схьа а веана, Эпрайман лаьмнашкахь коьман маІа лекхира АхІуда. Цу маІан аз шайна хезча, Исраилан халкъ схьагулделира. АхІуд хьалхаваьлла а волуш, уьш лаьмнаш тІера охьабиссира. 28АхІуда цаьрга элира: «Суна тІаьхьахІитта! Везачу Эло шун мостагІий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхІудана тІаьхьахІоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тІехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш. 29Цара итт эзар нуьцкъала, тоьллачу дегІахь волу муабахо вийра, цхьа а кІелхьара ца волуьйтуш. 30Иштта цу дийнахь исраилхоша шайн караберзийра муабахой. Дезткъа шарахь машар лаьттира цу лаьтта тІехь.

 

Мехкан куьйгалхо волу Шамгар

 

31Цул тІаьхьа кхин а цхьана стага кІелхьардаьккхира Исраилан халкъ. Иза вара Іанатин кІант Шамгар. Цо стерчашна тухуш йолчу гІожаца ялх бІе пІелаштамхо вийра.

 

4

 

Мехкан куьйгалхо йолу Дебира

 

1АхІуд веллачул тІаьхьа а исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. 2ТІаккха Везачу Эло канаІанхойн паччахьна Ябинна кара схьаделира Исраилан халкъ. Ябин Хьацорахь паччахьалла деш вара. Цуьнан тІеман куьйгалхо вара Хьаршат-Гойимахь вехаш волу Сисра. 3Сисрин эчигах йина исс бІе гІудалкх яра. Цо ткъа шарахь чІогІа хьийзийра Исраилан халкъ. Цундела исраилхой юха а Везачу Эле, мохь бетташ, орца даха буьйлабелира.
4Цу заманчохь Исраилан мехкан куьйгалхо яра шеца пайхамаралла долуш йолу Дебира. Иза Лапдатин зуда яра. 5Иза Дебирин хурмин диттана кІелахь охьахуура. И дитт Раминий, Бетал-гІалиний юккъехь, Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ дара. Дебира йолчу исраилхой богІура цуьнга шайна юкъахь кхел яйта. 6Дебирас, Наптал-махкарчу Кхедашара Аби-НуІаман кІант Баракх ша йолчу схьа а кхайкхина, цуьнга элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала хьуна тІедуьллу: „Ваха а гІой, Напталинний, Забуланний тІаьхьенах волу итт эзар стаг вовшах а тохий, уьш Табур-лам тІе дІабига. 7Ткъа Аса Къишун-хи йисте Ябинан эскаран куьйгалхо волу Сисра а, цуьнан гІудалкхаш а, эскар а, цига дІа а далийна, хьан кара дІалур ду“».
8Баракха Дебирига элира: «Хьо соьца ягІахь, со цига гІур ву, ца ягІахь, гІур вац».
9Дебирас цуьнга элира: «Со-м йогІур ю хьоьца, амма хаалахь: Сисра эшийначул тІаьхьа халкъо сий деш верг хьо хир вац хьуна. Везачу Эло зудчуьнга эшавойтур ву Сисра». Дебира Баракхца Кхедаш-гІала дІаяхара. 10Баракха Забулан а, Напталан а тІаьхьенах болу нах Кхедаше схьакхайкхира. Итт эзар стаг тІаьхьахІоьттира цунна. Дебира а яхара цуьнца.
11Цигахь, Хьебар цІе а йолуш, кхенахойх волу цхьа стаг вара. Иза шен халкъах дІакъаьстинера. (Кхенахой Муса-пайхамаран стунваша волчу Хьабабан тІаьхьенах бу). Хьабаба шен четар Кхедашана уллохь йолчу ЦаІнаним цІе йолчу меттехь ножан хьунна уллохь дІахІоттийнера.
12Сисрина хиира, Аби-НуІаман кІант Баракх Табур цІе йолчу лам тІе ваьллийла. 13Шен эчигах йина йолу исс бІе гІудалкх схьа а ялийна, шен халкъ а схьа а кхайкхина, уьш Хьаршат-Гойимара Къишун-хи долчу дІахьажийра цо.
14Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тІера охьавоьссира. 15Баракха туьраца беш болчу тІамехь Сисра а, цуьнан гІудалкхаш тІехь болу нах а бохийна хьовзийра Везачу Эло. Царна ца хаьара, шаьш хІун дан деза. Ткъа Сисра, гІудалкха тІера охьа а воьссина, гІаш ведда дІавахара. 16Сисрин гІудалкхашна а, эскарна а тІаьхьавелира Баракх. Цара уьш Хьаршат-Гойиме кхаччалц, лаьхкина, дІабигира, дийна цхьа а стаг ца вуьтуш.
17Сисра Хьебаран зудчун ЯІалан четар долчу ведда схьавеара. Хьебар ша кхенахо вара, ткъа цуьнан цІа хьацорхойн Ябин-паччахьца бертахь Іаш дара. 18ЯІал Сисрина дуьхьал араелира. Цо цуьнга элира: «Чувола со йолчу, сан эла. Кхера а ца кхоьруш, чоьхьавала». Сисра цуьнан четар чу велира. ЯІала цунна тІе шаршу тесира. 19Сисрас цуьнга элира: «Со чІогІа хьагвелла. Суна жимма хи лохьа». ЯІала, шура чохь йолу пІаьлдиг схьа а баьстина, цуьнга шура а малийтина, цунна юха а тІе хІума тесира. 20Сисрас ЯІале элира: «Четарна чувогІийла долчу дІа а хІоттий, цхьаммо хьайга: „Кхузахь цхьа а стаг вуй?“ – аьлла, хаттар дахь, „Вац“ – алий, жоп лолахь».
21ЧІогІа кІадвелла волчу Сисрина наб кхийтира. ЯІал, четар чІагІдеш тухуш йолу дечиган хьостам а, варзап а схьа а эцна, меллаша цунна тІе яхара. Сисра лаьттах дІа а тухуш, лергъагІонна тІе варзап а тоьхна, дечиган хьостам чекхбаьккхира цо. Иза велира. 22Сисра лоьхуш лелаш волу Баракх ЯІалан четарна тІе кхечира. Цунна дуьхьал ара а яьлла, ЯІала элира: «Чувола, аса гойтур ву хьуна ахьа лоьхуш верг». Баракх чоьхьаваьлча, цунна гира, лергъагІонах боллуш хьокха а болуш, велла Іуьллуш волу Сисра.
23Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхахь эшийра канаІанхойн паччахь волу Ябин. 24Исраилан халкъ де дийне мел дели а ницкъ алсамболуш лаьтташ дара, цара Ябин хІаллаквина дІаваккхалц.

 

5

 

Дебирин назма

 

1Сисра вийначу дийнахь Дебирассий, Аби-НуІаман кІанта Баракхий хІара назма элира:

 

 

2«Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а,
халкъ лараме хьалагІаттарна а,
хаставе Веза Эла!
3ЛадогІалаш, паччахьаш!
Тергаме хилалаш, хьалдолу нах!
Хьуна дІаолу аса хІара назма, ва Веза Эла.
Исраилан халкъан Везачу Далла хастам а бо ас.
4Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла,
Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь,
латта дегош дара,
стигалш тІадамаш ледош яра,
мархаш догІа Іенош яра.
5Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь,
ур-атталла хІара Синай-лам а бегабора
Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха.
6Іанатин кІант Шамгар паччахьалла деш волчу хенахь а,
ЯІалан заманашкахь а
некъахой шайн эмкалийн ковранашца юьстахчу некъашкахула лелара,
ткъа некъаш даьсса дара.
7Исраилан махкахь йолчу ярташкахь кхин ца Іийра,
со, Дебира, гІатталц, ца Іийра цигахь нах,
Исраилан халкъан нана со хилла дІахІотталц.
8Уьш керлачу деланашна тІаьхьахІиттича,
гІалин кевнна улло тІом беана схьакхечира.
Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь
я турс а, я гоьмукъ а ца карийра.
9Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду.
Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагІевттинчаьрца ду.
Хастам хуьлийла Везачу Элана!
10КІайн варраш тІехь дІадоьлхурш а,
нуьйра тІехь хиъна Іийраш а,
гІаш дІадоьлхурш а,
ойла елаш Везачу Эло диначун!
11Руьйтанахь бежанаш схьагуллучохь хезаш ду адамийн аьзнаш.
Цигахь Везачу Элан нийсачу толамашна хастам беш бу,
Исраилан махкара Цуьнан халкъо баьккхинчу толамашна:
Хьала а гІаьттина, Везачу Элан халкъ гІалин кевнашна тІедахара.
12ХьалагІатта, Дебира, хьалагІатта!
Хьайн назма дІаала!
ХьалагІатта, Аби-НуІаман кІант Баракх,
шайна йийсар динарш схьалеца!
13ТІаккха халкъ Сарид-юьрта охьадоьссира, куьйгалхошна дуьхьал.
Везачу Элан халкъ соьца цхьаьна майрачарна дуьхьалделира.
14Іамалекхахь орамаш хилларш Эпрайм-махкара схьабогІура,
ва Бен-Яманан тайпа, хьоьца болу нах хьуна тІаьхьа хІиттина.
Макир волчуьра схьабогІура куьйгалхой,
Забулан тІаьхьенан хьаькамаш а схьабаьхкина.
15Иссарханан элий а Дебирица бара,
Иссарханан тайпа иштта Баракхца дара.
Цунна тІаьхьа тогІи чу араделира иза.
Раабанан тайпанна юкъахь
доккха дар-дацар дара лаьтташ.
16ХІунда Іа хьо гІотанашна юкъахь хиъна,
бажа Іоьхуш ла а доьгІуш?
Раабанан тІаьхьенна юккъе
даккхий дар-дацарш ма деана.
17ГалІадара халкъ Йордан-хил дехьа дисира.
Ткъа Данан тайпа хІунда дисира хинкеманашца?
Ашаран тайпа хІордан йистехь дисира,
йисте догІийла йолчохь.
18Амма Забулан а, Напталан а халкъаша,
шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тІом бира.

 

19Паччахьаш вовшахлата схьабаьхкира,
канаІанхойн паччахьаша тІом бира.
ТаІнакахь, МагІиддан хиш долчохь, и хилла,
амма дато хІонс ца кхечира царна цигара.
20Стигалара седарчий а дара вовшахлеташ.
Уьш шайн некъашкахь Сисрица тІом беш дара.
21Къишун-хино дІабаьхьира уьш.
Чехка доьдуш долу хи ма ду иза.
Сан са, нуьцкъала хьалхадалий, дІагІо!
22ТІаккха Сисрин говрийн бергаш схьайогІуш яра,
цара ден татанаш схьахезаш дара.
23„НеІалт хуьлда Мераз-гІалина, –
элира Везачу Элан Малико, –
Билггал неІалт хуьлда цуьнан бахархошна,
цара Везачу Элана гІо ца дарна,
шайн майрачу тІемалошца цхьаьна“.

 

24Декъала хуьлда кхенахо волчу Хьебаран зуда ЯІал!
Четарш чохь бехаш болчу зударшна юкъахь декъала хуьлда иза!
25Сисрас мала хи дехча,
цо цунна шура елира.
Элашна хьалхахь лелош болчу кеда чуьра схьа а йоьттина,
мустъелла шура елира.
26Шен четар чуьра ара а яьлла,
хьокха схьа а эцна,
аьтту куьйга варзап схьаийцира цо.
И хьокха Сисрин лергъагІонах чекхбаьккхира цо.
27Цуьнан когаш тІе а тевжина,
иза циггахь воьжна Іуьллуш вара.
Цуьнан когаш тІе таьІІинчохь
валар а хилира цуьнан.

 

28Корах арахьоьжуш яра Сисрин нана.
Цо елхарца хаьттира: „Сан кІентан гІудалкх хье хІунда елла?
ХІунда ца хеза цуьнан говрийн бергийн тата?“
29Хьекъал долуш болчу цуьнан ялхоша жоп лора цунна,
цо ша-шена ма-даллара:
30„Схьахетарехь, уьш, хІонс а карийна, шайна юкъахь иза йоькъуш хир бу.
ТІемалоша хІораммо а шайна цхьаъ я ши йоІ схьаоьцуш хир ю.
ХІонс юкъара бес-бесара бедарш Сисрас шена схьахоржу.
ХІонс юкъара бес-бесара юьйцина цхьа бедар а,
бес-бесара тир яьккхина ши бедар а хІонс яьккхинчун коча уллу“.
31Иштта хІаллакьхуьлийла Хьан берриг а мостагІий, Веза Эла!
Ткъа Хьо везаш берш, шен нуьцкъаллица схьакхетта богІуш болу малх санна, ницкъ болуш хуьлийла!»
Шовзткъа шарахь лаьтта тІехь машар лаьттира.

 

6

 

Мехкан куьйгалхо волу ГадІан

 

1Исраилан халкъ юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело доладелира. Цундела Везачу Эло уьш ворхІ шарна маданхойн кара дІабелира. 2Исраилхошца чІогІа къиза бара маданхой. Шаьш маданхойн баланах кІелхьардаха, исраилхоша лаьмнаш юккъехь къайлах йолу меттигаш а, хьехаш а, чІагІйина меттигаш а лехира шайна. 3ХІоразза а исраилхоша хІума дІайийча, маданхой а, Іамалекхахой а, иштта малхбалехьа Іаш долу къаьмнаш а, схьа а догІий, царна тІелетара. 4Церан четарш Исраилан лаьтта тІехь лаьтташ дара, цара дІайийна мел йолу хІума Іази-гІалина тІекхаччалц йолчу меттигашкахь хІаллакйора, исраилхошна я уьстагІ а, я сту а, я вир а ца юьтуш. 5Маданхоша, Исраилан лаьтта тІе а баьхкина, цигахь шайн четарш дІахІиттийра. Цара шайца шайн доьзалш а, шайн бежанаш а схьадалийнера. Уьш, цІоз санна, дукха бара, церан эмкалш а ягар ца яллал дукха яра. Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара массо а хІума хІаллакдинера. 6ЧІогІа къийделира Исраилан халкъ маданхоша дина зенаш бахьанехь. Исраилан халкъо, мохь туххуш, Везачу Эле орца дехира.
7Исраилхоша шайна маданхоша дина зенаш бахьана долуш Везачу Эле гІо дехча, 8Везачу Эло уьш болчу пайхамар вахийтира. Исраилан халкъе пайхамаро элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала шуьга боху:
„Мисар-махкара шу арадаьхнарг Со ву.
Лоллин цІа чуьра арадехира ас шу.
9Мисархойх шу паргІатдехира Ас,
кхузахь шуна ницкъ беш болчу массеран карара кІелхьардехира.
Шуна уллора уьш дІа а лаьхкина,
церан латта шуна дІаделира Аса.
10Ас шуьга элира: ‘Со ву шун Веза Дела. Іамал ма елаш шаьш Іаш долчу эмархойн лаьттара деланашна’. Амма аша ла ца дуьйгІира Сан озе“».

 

ГадІан куьйгалхо дІахІоттар

 

11Везачу Элан Малик деара ГадІан цІе йолу цхьа стаг волчу. Малик, схьа а деана, Іапру йолчохь лаьтташ долчу ножан дитта кІелахь охьахиира. И дитт, Абу-Іезаран тайпанах а волуш, Юаш цІе йолчу цхьана стеган дара. Юаш ГадІанан да вара. Цу хенахь ГадІан кемсийн мутт схьадоккхуш йолчу меттехь кІа цІандеш вара, иза маданхойх къайладаккхархьама. 12ГадІанна хьалха дІа а хІоьттина, Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Веза Эла ву хьоьца, майра къонах!»
13ГадІана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хІунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гІуллакхашна хІун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хІинца Везачу Эло дІа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дІаделла».
14ТІаккха Везачу Эло, цуьнга дІа а вирзина, элира: «Оцу ницкъаца ваха а гІой, Исраилан халкъ маданхойх кІелхьардаккха. Аса вохуьйту хьо цига!»
15ГадІана жоп делира: «Хьалдолу Эла, муха доккхур дара те аса Исраилан халкъ кІелхьара? Маннашан тайпанна юкъахь сан доьзал уггар гІийла бу, ткъа со царна юкъахь уггар а жимах верг ву».
16Везачу Эло цуьнга элира: «Со хир ву хьоьца. Цхьа стаг бен воцуш санна, эшор бу ахьа маданхой».
17ТІаккха ГадІана Везачу Эле элира: «Хьо суна реза велахь, сан Веза Эла, суна билгало гайтахьа, соьга Вистхилларг Хьо вуйла хоуьйтуш. 18ДІа ма гІохьа, со схьаваллалц. Хьайна совгІат схьа а деана, иза Хьайна хьалха охьадилла пурба лохьа суна».
Цо жоп делира: «Хьо схьаваллалц, собардийр ду Ас».
19ГадІана, дІа а вахана, буьхьиг кхехкийра. Цхьа мазал дама а хьакхийна, совсозачу бедах хьокхамаш а дира цо. Жижиг тускар чу а диллина, цунах схьаяьлла чорпа кхаби чу а йоьттина, уьш Делан малик долчу ножан дитта кІел схьаеара цо. 20Делан малико ГадІане элира: «Жижиг а, хьокхамаш а хІокху тІулга тІе охьадахка, ткъа чорпа цу тІе охьайотта». ГадІана шега аьлларг кхочушдира. 21Маликан карахь Іаса яра. Цо цу Іасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дІаІоьттича, тІулгах цІе а яьлла, цу цІаро жижиг а, хьокхамаш а дІахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира.
22Иза Везачу Элан малик дуйла шена хиъча, ГадІана, кхеравелла, элира: «Ва Сан Хьалдолу Эла! Суна юьхь-дуьхьал гинарг Хьан Малик ма дара!»
23Амма Везачу Эло ГадІане элира: «Марша Іойла! Ма кхера! Хьо лийр вац!» 24ГадІана цига, Везачу Элана сагІа доккхуш йолчу метте, тІулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цІе а туьллуш. И тІулгаш хІинца а Абу-Іезаран доьзал бехачу Іапру цІе йолчу юьртахь лаьтташ ду.

 

ГадІана БаІална сагІа доккхуш йолу меттиг йохайо

 

25Цу буссехь Везачу Эло ГадІане элира: «Хьайн ден бежанашна юкъара шолгІа сту (ворхІ шо кхаьчна берг) схьа а эций, хьайн дас кечйина йолу БаІална сагІа доккху меттиг йохае. Иштта цунна уллохь лаьтташ болу Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІам, хадабай, схьабаккха. 26Цул тІаьхьа лакхенгахь хьайн Везачу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечъе. ШолгІа болу сту бен а бей, иза цу кечйинчу меттигехь, Ашерин диттах даьккхина долчу дечигах цІе а латаяй, багабе». 27ГадІана, шен ялхойх итт схьа а валийна, Везачу Эло шега аьлларг кхочушдира. Амма шен цІерачарна а, гІалин бахархошна а ша и хІума дийна делккъехь деш воллуш гарна кхоьруш волчу ГадІана иза буьйсанна дира.
28Іуьйранна самабевллачу гІалин бахархошна гира йохийна йолу БаІална лерина сагІа доккху меттиг а, цунна уллохь схьахадийна болу Ашерин бІогІам а. Царна иштта гира ГадІана кечйина йолу сагІа доккху меттиг а, цу тІехь сагІина багийна болу сту а. 29Цара вовшашка хоьттура: «Хьан дина иза?» Леррина талла а теллина, цхьаммо цаьрга элира: «Юашан кІант волчу ГадІана дина». 30Цу гІаларчу бахархоша Юаше элира: «Араваккха хьайн кІант. БаІална сагІа доккху меттиг а, цунна уллохь лаьтташ болу бІогІам а цо бохийна дела, иза вала везаш ву».
31Шена дуьхьалбевллачаьрга Юаша элира: «Шу БаІална тІехІотта гІерташ ду, иза кІелхьарваккха гІерташ ду шу? Іуьйре тІекхачале цунна тІехІоьттинарг вала везаш ву. БаІал дела велахь, иза ша къовсавала веза, хІунда аьлча йохийна йолу сагІа доккху меттиг цуьнан ма яра». 32Юаша элира: «ГадІана и сагІа доккху меттиг йохийна хилча, БаІал ша къовсавала веза цуьнца». Цу хенахь дуьйна ГадІанан цІе Яруб-БаІал аьлла йоккхура (иза «БаІал къовсавалийта» бохург ду).

 

ГадІана халкъ тІамана гулдо

 

33Маданхой а, Іамалекхахой а, кхидолу малхбалехьа дехаш долу къаьмнаш а вовшахкхийтира. Йордан-хил дехьа а бевлла, ИзреІалан аренгахь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. 34ГадІанна тІе Везачу Элан Са доьссира. ГадІана, коьман маІа а лекхна, ша волчу Абу-Іезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. 35Цо Маннашан махкахула геланчаш бахийтира, массо а нах ша волчу схьагулбе аьлла. ТІаккха хаамчаш бахийтира Ашаран а, Забулан а, Напталан а мехкашкахула а. Цигара нах а ГадІан волчу баьхкира.
36ГадІана Деле элира: «Ахьа соьга Исраилан къам кІелхьардаккха гІо дийр ду аьллера. 37Аса хьаьттахь уьстагІийн тІаргІа дІабаржор бу. Нагахь санна цу тІергІана тІехь диллина тхи хилахь, ткъа гонахьа долчу лаьтта тІехь екъа хилахь, суна хуур ду, Ахьа ма-аллара, со бахьана а долуш Исраилан къам кІелхьардер дуйла». 38Иза иштта хилира. ШолгІачу дийнахь Іуьйранна хьалххехь хьалагІаьттина волчу ГадІана, и тІаргІа Іовда а Іаьвдина, цунах цхьа кад буьззина хи даьккхира. 39ГадІана Деле элира: «Суна оьгІаз ма гІахьара Хьо, аса кхин а цхьа дехар кхочушдар Хьайга дехча. Суна кхин цкъа а уьстагІан тІергІаца билгало хуьлийла луур дара. ТІаргІа бекъа а болуш, массо а меттехь тхи хилийтахьара Ахьа». 40Дала цу буса, ГадІана ма-аллара, хилийтира: тІаргІа бекъа а болуш, дерриг а лаьтта тІе тхи диллира Цо.

 

7

 

ГадІана маданхой эшабо

 

1Іуьйранна сатоссуш Яруб-БаІала (ГадІана) шеца болчу нахаца цхьаьна Хьарод цІе йолчу хьостана уллохь шайн меттамотт дІахІоттийра. Ткъа маданхойн меттамотт царна къилбаседехьа йолчу тогІи чохь лаьтташ бара, МорахІ олучу лома уллохь. 2Везачу Эло ГадІане элира: «Хьоьца цхьаьна тІех дукха халкъ хилар бахьана долуш, маданхой шун кара дІабала ца лаьа Суна. Суна ца лаьа исраилхоша, дозалла а деш: „Тхо тхаьш кІелхьардевлла“ – бохийла а. 3Хьайца схьабаьхкинчаьрга дІаала: „Кхеравелла вегош мел верг ГалІадарчу лам тІера шайн цІа юхаверза мегар ду“». Ткъе ши эзар стаг ГадІан волчуьра цІа вахара, итт эзар стаг бухависира.
4Цул тІаьхьа Везачу Эло ГадІане элира: «ХІинца а тІех дукха адам ду кхузахь. Уьш хи долчу дІабига. Цигахь Аса уьш зуьйр бу хьуна. Нагахь санна Аса: „Хьоьца ваха мегар ду“ – алахь, иза гІур ву. Ткъа Аса: „Иза хьоьца гІур вац“ – алахь, цуьнан хьоьца ваха йиш яц». 5ГадІана шеца болу нах хи йисте охьабигира. Везачу Эло ГадІане элира: «ЖІаьло санна, маттаца хи молуш берш цхьана агІор дІахІиттабе, ткъа хи молучу хенахь, голаш тІе охьа а таьІна, хи молуш верг вукху агІор хІоттаве». 6Куьйгашца хи шайн юьхь тІе а кхоьхьуш, мотт ара а баьккхина, хи молуш верг кхо бІе стаг вара. Ткъа вукхара хи, голаш тІе охьа а таьІна, молура. 7Везачу Эло ГадІане элира: «Мотт ара а баьккхина, хи мелла волчу кхаа бІе стагехула шу кІелхьара а даьхна, маданхой шун кара дІалур бу Ас. Вуьш шайн-шайн цІа бахийта». 8ГадІана уьш цІа а бахийтина, цаьргахь йолу яа хІума а, коьман маІаш а схьаийцира. Бухависнарг верриг а кхо бІе стаг вара. Ткъа маданхойн меттамотт лахахь тогІи чохь лаьтташ бара.
9Цу буьйсанна Везачу Эло ГадІане элира: «Хьала а гІаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гІо. Аса уьш хьан кара дІало. 10Нагахь санна царна дуьхьалвала хьо кхерахь, хьайн ялхо волчу Пураца царна тІе гІо. 11Маданхойн меттаматтана юххе а гІой, цара хІун боху ладогІа. ТІаккха хьо кхоьрур вац царна тІелата». ГадІан а, цуьнан ялхо волу Пура а аренга охьавоьссира, маданхойн меттаматтан йистте. 12Маданхой а, Іамалекхахой а, кхиболу малхбалерчу мехкашкара бахархой а аренгахь Іаш бара. Уьш, цІоз санна, дукха бара. Церан эмкалш а, хІордан йистехь йолу гІум санна, ягарлур йоцуш дукха яра.
13МостагІийн меттаматтана улло веанчу ГадІанна хезира, цхьана тІемалочо вукху тІемалочуьнга шена гина долу гІан дуьйцуш. Цо дуьйцура: «Суна гІенахь гира маданхойн меттаматтехула, хахкаделла, дІадоьдуш долу горга бепиг. И бепиг, хахкаделла, четарна чІогІа тІекхийтира. ТІаккха и четар, каг а делла, охьадуьйжира».
14Вукхо элира: «Хьан гІан иштта бен кхечу тайпана тида йиш йолуш дац. Иза исраилхо волчу Юашан кІентан ГадІанан тур ду. Дала маданхой а, церан берриг а меттамотт а цуьнан кара дІабелла».
15И гІан а, цуьнан тидар а хезна волу ГадІан Везачу Элана хьалха суждане вахара. Исраилхойн меттаматте юха а веана, цо элира: «ХьалагІовтта! Везачу Эло маданхойн меттамотт вайн кара схьало». 16Цо кхо бІе стаг кхаа декъе вийкъира. ХІора тІемалочунна кара коьман маІий, яьсса кхабий елира цо. ХІора кхаби чохь богуш къуьда бара. 17ГадІана цаьрга элира: «Соьга а хьожуш, аса деш дерг де. Вай мостагІийн меттаматте кхаьчча, аса деш дерг де. 18Меттаматтана го а бай, сой, соьца бершший коьман маІа лакха буьйлабелча, аша а маІаш лекха йолае, мохь а бетташ: „Везачу Элан а, ГадІанан а дуьхьа!“ – бохуш».
19ГадІан а, цуьнца волу бІе стаг а, мостагІийн меттамотт болчу охьа а воьссина, цунна улло вахара, буьйса юккъеяхча ха деш болу тІемалой хийцабеллачул тІаьхьа. Цара, коьман маІаш а лекхна, шайн кхабанаш кегйира. 20Кхаа тобанехь болчара, коьман маІаш а лоькхуш, шайн кхабанаш кегйира. Церан аьрру куьйга лаьцна къуьданаш дара, ткъа аьтту куьйгахь маІаш яра. МаІаш а лоькхуш, цара мохь беттара: «Везачу Элан а, ГадІанан а дуьхьа тур тоха!» – бохуш. 21ГадІанан тІемалой шаьш болччохь лаьтташ бара, ткъа меттаматтара дерриг а эскар, маьхьарий а хьоькхуш, дІауьдуш дара. 22ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира.
23Напталан а, Ашаран а, Маннашан а тайпанах болу тІемалой маданхошна тІаьхьабовла бахийтинера. 24ГадІана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дІаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира. 25Маданхойн Іораббий, Зиаббий цІе йолу ши баьчча а схьалецира цара. Іораб Іорабан тарх йолчохь вийра, ткъа Зиаб Зиабан кемсийн мутт доккхучу меттехь вийра. Церан кортош, схьа а даьхна, ГадІан волчу Йордан-хил дехьа схьадеара.

 

8

 

Маданхой эшабар

 

1Эпраймхоша ГадІан чІогІа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХІунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тІом бан воьдуш?»
2ГадІана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Іезаран тІаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тІаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! 3Шун кара дІабелла Дала маданхойн баьччанаш Іораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хІун далур дара соьга?» ГадІана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгІазлонаш еш бацара.
4Йордан-хи долчу а веана, ГадІан а, цуьнца волу кхо бІе стаг а хил дехьа велира. Шаьш чІогІа кІадбеллехь а, уьш мостагІашна тІаьхьабевллачуьра ца севцира. 5Сакхатарчу бахархошка ГадІана элира: «Соьца схьабаьхкинчу нахана яа хІума ло. Маданхойн паччахьашна Зебахьний, ЦалманаІаний тІаьхьабевлла лелачу хенахь уьш чІогІа кІадбелла».
6Амма Сакхат-гІалин куьйгалхоша ГадІане элира: «Зебаххьий, ЦалманаІІий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хІума?»
7ТІаккха ГадІана элира: «Делахь, Зебаххьий, ЦалманаІІий сайна Везачу Эло каравеллачул тІаьхьа, со кхуза юхавогІур ву. Аша хІинца динарг бахьана долуш аса, со цигара юхавирзича, шун догІмаш яьссачу аренан коканашца а, кІохцалшца а этІор ду». 8Цигара ваьлла Пенуал-гІала веара ГадІан. Цигахь а гІалин бахархошка Сакхатехь аьлларг элира цо. Амма цара а Сакхатехь болчу бахархоша аьлларг элира цуьнга. 9ГадІана цаьрга элира: «Со толамца юхавирзича, аса хІара бІов йохор ю».
10Зебаххьий, ЦалманаІІий шайн эскарца Кхаркхур-гІалахь вара. Цаьрца пхийтта эзар стаг вара. Уьш малхбалехьарчу мехкашкара тІемалойх бухабисинчарах бара. БІе ткъа эзар стаг, тур лелош болу тІемалой, цу эскарна юкъара хІаллакьхиллера. 11Нобахьа-гІалиний, ЙогІбахІаний малхбалехьа болчу новкъахула дІавахара ГадІан. Кхаркхур-метте схьа а веана, иза шен мостагІашна дагахь а доццучу хенахь царна тІелетира. 12Зебахь а, ЦалманаІ а ведда дІавахара. Царна тІаьхьаваьллачу ГадІана схьалецира маданхойн ши паччахь. Иштта дерриг а маданхойн эскар Іадийнера ГадІана.
13Юашан кІант ГадІан тІамера юхавирзира. Хьерас цІе йолчу ломан дукъана тІехула цІа вогІуш вара иза. 14Сакхат-гІалара бахархошна юкъара цхьа жима стаг схьа а лаьцна, цуьнга хеттарш дан волавелира иза. Цо кхузткъе вуьрхІитта шайн элийн а, къанойн а цІераш дІаязйира ГадІанна. 15Сакхат-гІала схьа а веана, ГадІана цигарчу бахархошка элира: «Зебаххьий, ЦалманаІІий хІорш бу. Ткъа аша, сан эскар кІадделла, хІоьттина ду, цунна яа хІума лахьара аьлла, аса дехар дича, сох дийла а дуьйлуш, элира: „Зебаххьий, ЦалманаІІий хьан карахь ву ткъа? Стенна яла еза оха хьан эскарна яа хІума?“» 16Сакхатара къаной схьа а гулбина, царна коканийн а, кІохцалийн а коьллаш йиттира цо. И хІума а дина, цо Сакхатарчу нахана, уьш Іамош, масала делира. 17ГадІана Пенуал-гІалара бІов а йохийра, цигара нах а байира.
18Цо Зебахье а, ЦалманаІе а хаьттира: «Табурехь аша байина болу нах муха бара?»
Цу шиммо жоп делира: «Уьш хьох тера бара. ХІора стаг а паччахьан кІентах тера вара».
19ГадІана цаьрга элира: «Уьш сан вежарий бара, сан ненан кІентий. Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас: аша уьш дийна битина хиллехь, аса хІинца шуьшиъ вуьйр вацара». 20Шен воккхах волчу кІанте ИтІаре дІа а хьаьжна, цо элира: «Вей, дІаваккха и шиъ». Амма ИтІара шен тур баттара схьа ца даьккхира, хІунда аьлча иза, ша жима хиларх терра, кхоьруш вара. 21ТІаккха Зебахьа а, ЦалманаІа а ГадІане элира: «Схьа а волий, айхьа ве тхойшиъ. Хьоьгахь цу гІуллакхна тоъал ницкъ буй те?» Хьала а гІаьттина, ГадІана, и шиъ вен а вийна, церан эмкалийн кочара мІерий схьадехира.

 

ГадІана ийпад йо

 

22Исраилан халкъо ГадІане элира: «Тхо маданхойн баланах кІелхьардаьхна ахьа. Тхуна тІехь олалла де ахьа а, хьан кІанта а, хьан кІентан кІанта а».
23Амма ГадІана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тІехь олалла, я сан кІанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тІехь олалла». 24ГадІана цаьрга элира: «Сан цхьа дехар ду шуьга. ХІораммо а ша схьаэцначух лергара цхьацца чІуг ло суна». (Цо эшийначаьргахь дукха дашо чІагарш яра, уьш исмаьІалхой хиларе терра.)
25Цара элира: «Хаза а хеташ дІалур ю». Бедар лаьтта охьа а тесна, цу тІе шайн караеанчу хІонсах цхьацца чІуг кхоьссира цара. 26Цара и чІагарш схьагулйича, уьш цхьа эзар ворхІ бІе шекхалан барамехь яра[5]. Цунна совгІатана кхин а дашо мІерий а, коча уллургаш а, маданхойн паччахьаша юхуш йолу таьІна цІен бедарш а, эмкалийн коча ухкуш йолу дашо зІенаш а елира. 27Цу деших ГадІана, ийпад а йина, иза шен Іапру цІе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадІанна а, цуьнан дерриг а цІенна а гур хилла дІахІоьттинера.
28Маданхой исраилхошна муьтІахь хилла дІахІиттинера, цара шайн кортош охьатаІийначуьра хьала ца ойура. ГадІан дийна мел ву, шовзткъа шарахь машар лаьттира цу махкахь.

 

ГадІанан кхалхар

 

29Юашан кІант Яруб-БаІал (ГадІан), цІа а вахана, цигахь Іаш вара. 30ГадІанан кхузткъе итт кІант вара. Уьш оццул дукха бара, цуьнан дуккха а зударий хилла дела. 31Цуьнан кхин а гІарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кІант вира, цуьнан цІе Абу-Малик а тиллира. 32Юашан кІант ГадІан къеналле ваханчу хенахь велира. Иза дІавоьллира шен ден Юашан къубба чохь, абу-Іезархойн Іапру-юьртахь.
33ГадІан веллачул тІаьхьа исраилхой, Везачу Элера дІа а бирзина, юха а БаІал-деланашна тІаьхьахІиттира. Шайн дела БаІал-Барт а хаьржина, 34шаьш гонах болчу массо а мостагІех кІелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогІура царна. 35Исраилан халкъо ларам ца гайтира Яруб-БаІалан (ГадІанан) тІаьхьенна, цара шайн дуьхьа дуккха а дика гІуллакхаш динехь а.

 

9

 

Абу-Малик

 

1Яруб-БаІалан кІанта Абу-Малика, Шехем-гІала а вахана, шен ненан вежаршка а, массо а ненахошка а элира: 2«Шехем-гІалин къаношка хатта: шуна хІун лаьа: „Яруб-БаІалан кхузткъе итт кІанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цІийх схьаваьлла хилар диц а ма де“». 3Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тІаьхьахІитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», – элира цара. 4Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаІал-Барт-делан цІа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. 5Абу-Малика, Іапру-юьртахь долчу шен ден цІа а вахана, Яруб-БаІалан (ГадІанан) кхузткъе итт кІант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаІалан уггар жимах волу кІант Йовтам дийна висира, иза дІалечкъина хилар бахьана долуш. 6Цул тІаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гІалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттийра.

 

Йовтаман хьекъале дийцар

 

7Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттинийла хиъча, Йовтама, Герзим-лам тІе а ваьлла, мохь а бетташ, халкъе элира: «ЛадогІа соьга, Шехеман бахархой. Цул тІаьхьа шуьга Дала ладугІийла. 8Цхьана дийнахь дитташа шайна юкъахь паччахь харжа сацам бина хилла, цуьнга шайна тІехь олалла дайта. Цара зайт-дитте аьлла: „Олалла де тхуна тІехь“. 9Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тІехь олалла дар бахьана долуш?“ 10ТІаккха цара комаран дитте элира: „Дало, ахьа олалла де тхуна тІехь“. 11Амма комаран дитто жоп делира: „Дика а, мерза а стом лучуьра саца деза со, кхечарна тІехь олалла дархьама?“ 12ТІаккха кемсийн таьлланге цара элира: „Олалла де тхуна тІехь“. 13Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагІаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тІехь олалла дархьама?“ 14ТІаьххьара а массо а дитташа коканийн кулле элира: „Яло, ахьа паччахьалла де тхуна тІехь“. 15Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гІой, сан ІиндагІехь дІахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цІе а яьлла, цу цІаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“.
16Шайна хуур ду шуна, нийса а, доггах а хІоттинийла шаьш Абу-Малик паччахьан метта. Иштта шайна хуур ду шуна, шаьш хила ма-деззара хиллий шу Яруб-БаІалан доьзалца а, цо шайна динчу диканашца дуьстина диний аша шаьш динарг. 17Шу бахьана долуш ша-шен а ца кхоош, сан дас, тІом а бина, шу маданхойн куьйга кІелара схьадаьхна. 18Ткъа аша хІинца, сан ден доьзална дуьхьал а девлла, цуьнан кхузткъе итт кІант цхьана тарх тІехь вийна, ткъа Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттийна, иза шайн гергара стаг волу дела. Ткъа иза сан ден гІарбаш-зуда хиллачун кІант бен вац! 19Нагахь санна Яруб-БаІалца а, цуьнан доьзалца а шу нийса а, доггах а леллехь, шайн паччахьца даккхий а деш Іе. Цо а даккхийдедойла шу. 20Нагахь санна аша динарг хьарам хІума делахь, Абу-Маликах цІе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цІе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!» 21Иза ша аьлла ваьллачул тІаьхьа Йовтам, шен веших ведда дІа а вахана, Беар-гІалахь дІалечкъира.

 

Абу-Малика Шехемана дуьхьал тІом бо

 

22Абу-Малика Исраилан халкъана тІехь кхаа шарахь олалла дира. 23Цул тІаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гІалин бахархошний юкъа хІотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. 24Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаІалан кхузткъе итт кІант вер бахьана долуш. Церан цІий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тІетадина болчу. 25Цара гунашна боххье охьаховшийра шайна уллохула тІех мел волуш волчунна талор деш болу нах. Иза Абу-Маликна тІедаьхьира.
26Іабайдан кІант ГаІал шен вежаршца Шехеме веара. Цу гІалин бахархоша, цунах теша а тешна, цунна тІаьхьахІитта сацам бира. 27Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагІар а дина, шайн делан цІа чохь той дІахІоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неІалт а кхайкхош, Іаш бара уьш. 28Іабайдан кІанта ГаІала элира: «Вай – Шехеман халкъ ду. Вай хІунда хила деза Абу-Маликна муьтІахь? Иза вайна мила ву? Яруб-БаІалан кІант вац иза? Ткъа Абу-Малика ца вина Забулах коьрта хьаькам? Вай Абу-Маликан куьйга кІелахь хила гІуллакх долуш дац! Шехеман да волчу Хьамуран тІаьхьенна гІуллакх деш лелар гІоле ду вайна. Цунна гІуллакх деш вай хІунда лелаш ду? 29ХІара халкъ сайн карахь делахьара, аса Абу-Малик кхузара дІаэккхор вара. Аса цуьнга эр дара: „Хьайн эскар алсам а даккхий, тІом бан аравала“».
30Цу гІалин коьрта хьаькам волу Забул, шена Іабайдан кІанта ГаІала аьлларг хезча, чІогІа оьгІазвахара. 31Цо къайлаха Абу-Малик волчу геланчаш бахийтира дІаала: «Іабайдан кІант ГаІал а, цуьнан вежарий а, Шехеме а баьхкина, массо а стаг хьуна дуьхьалвоккхуш бу. 32Цундела хьо а, хьан халкъ а буьйсанна гІалина улло а деана, аренгахь кІело ян дІалачкъа деза. 33Ткъа Іуьйранна малх схьакхетачу хенахь шу гІалина тІелата деза. ГаІал шен тІемалошца хьоьца лата гІали чуьра араваьлча, хьайга далург де царна».
34Буьйсанна Абу-Малик а, цуьнца болу тІемалой а гІалина улло баьхкира. Деа декъе бекъа а белла, кІело ян дІалевчкъира уьш. 35Іабайдан кІант ГаІал, гІалин кевнна улло а вахана, цигахь дІахІоьттича, Абу-Малик шеца хиллачаьрца цхьаьна ша дІалечкъина волчуьра гучувелира. 36И нах гина волчу ГаІала Забуле элира: «Хьажал, лаьмнаш тІера охьабуьссуш нах бу».
Забула цуьнга жоп делира: «Лаьмнийн ІиндагІех хьуна нах тарбелла».
37Амма ГаІала юха а элира: «Хьажал лакхенгара охьабуьссуш болчаьрга. Суна бозбунчийн дитта уллохула схьабогІуш болчеран кортош го».
38Забула цуьнга элира: «ХІинца хІунда ца йо ахьа кураллаш? Ахьа ца бохура Абу-Малик хІумма а вац, вай цуьнан куьйга кІелахь хила гІуллакх долуш а дац? Уьш ахьа ца вешаш къамел динарш бу. ХІинца, ваха а гІой, цаьрца лата». 39ГаІал, шеца Шехеман бахархой а болуш, Абу-Маликца лата аравелира. 40Абу-Малик гІалин ков долчу юхауьдуш болчу ГаІалаца цхьаьна хиллачарна тІаьхьавелира. Цу кевнна тІекхачале, царах дукхахберш байира цо. 41Цул тІаьхьа Абу-Малик Арума-гІала юхавирзира, ткъа Забула ГаІал цуьнан вежаршца Шехемара араваьккхира.
42ШолгІачу дийнахь Шехеман бахархой шайн кхашна тІехь болх бан арабевлира. Абу-Маликна иза дІахиира. 43Шен тІемалой кхаа декъе бекъа а бекъна, уьш аренгахь, кІело еш, дІалачкъийтира Абу-Малика. ГІалара арабевлла болу нах шайна гича, царна кІело йинарш тІелетира. 44Абу-Малик шен тобанашца, гІалин ков долчу а вахана, цигахь дІахІоьттира. Ткъа важа йолу ши тоба арахь болчарна тІелетира. Цара уьш байира. 45И де дІадаллалц тІом бира Абу-Малика Шехеман бахархошца. ГІала схьа а яьккхина, цигахь мел долу адам дийра цара. ГІала йоха а йина, цуьнан саьлнашна тІе туьха тесира цара.
46Шайна гІалахь хилларг дІахиъча, Шехемарчу бІаьвнна чохь Іийнарш БаІал-Бартан делан цІа чохь хиллачу кхераме доцучу цІа чохь схьагулбелира. 47Шена Шехемерчу бІаьвнна чохь Іийнарш цхьана Іаш буйла хиъча, 48Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тІе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тІе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а». 49Уьш хІора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тІаьхьахІоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаІал-Бартан цІенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цІе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дІаваьккхира Шехеман бІаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара.

 

Абу-Маликан валар

 

50Цул тІаьхьа Абу-Малика шеца хиллачаьрца, Табац-гІала а вахана, цунна го а бина, иза шен караерзийра. 51ГІалина юккъехь лаьтташ цхьа чІогІа бІов яра. Цу гІалара массо а вахархо, и бІов йолчу дІа а вахана, цуьнан неІарш дІа а къевлина, цу бІаьвнан тхов тІе велира. 52Абу-Малик шеца хиллачаьрца бІаьвнна тІелетира. Иза, цуьнан неІарш цІарца яго дагахь, бІаьвнна улло вахара. 53ТІаккха тхов тІехь лаьтташ йолчу цхьана зудчо, боккха тІулг чу а кхоьссина, цуьнан туьта кагйира. 54Абу-Малика, шеца хилла волу къона герз лелориг тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Сихха хьайн тур схьа а даккхий, со вей дІаваккха, нахе: „Абу-Малик зудчо вийна“ – ца бахийта». Цуьнан ялхочо Абу-Маликах шен тур чекхдаьккхира. Иза велира. 55Исраилхошна Абу-Малик веллийла хиъча, уьш шайн-шайн цІа бахара.
56Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. 57Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гІуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаІалан кІанта Йовтама кхайкхийна долу неІалт дахара царах.

 

10

 

Мехкан куьйгалхо волу ТовлаІ

 

1Абу-Малик веллачул тІаьхьа кхин цхьаъ а гІаьттира Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Иза вара Иссарханан тІаьхьенах волу Додин кІентан Пувин кІант ТовлаІ. ТовлаІ Эпрайм-лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Шамир-гІалахь вехаш вара. 2Иза ткъе кхаа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттина вара. Веллачул тІаьхьа иза Шамир-гІалахь дІавоьллина.

 

Мехкан куьйгалхо волу Яир

 

3ТовлаІ веллачул тІаьхьа ГалІадара Яир гучувелира. Ткъе шина шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира иза. 4Цуьнан ткъе итт кІант вара. Уьш ткъе итт вир тІехь лелаш бара. Церан ГалІадан махкахь ткъе итт гІала яра. Царах хІинца а Яиран гІаланаш олу. 5Яир веллачул тІаьхьа Кхамон-гІалахь дІавоьллира.

 

Іамминхоша Исраилца тІом бо

 

6Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш. 7Веза Эла оьгІазвахара исраилхошна. Цундела Цо уьш пІелаштамхойн а, Іамминхойн а кара дІабелира. 8Цу шарахь цара Йорданна малхбалехьа йолчу хийистехь ГалІадахь эмархойн махкахь дехаш долу Исраилан халкъ эша а дина, берхІитта шарахь иза дацийра. 9ТІаьххьара а Іамминхой, Йорданал дехьа а бевлла, тІамца ЯхІудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а халкъашна тІегІоьртира. Дуккха а зенаш дира Іамминхоша Исраилан халкъана.
10Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара.
11Везачу Эло Исраилан халкъе элира: «Шаьш мисархойн а, эмархойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а, 12цІаданхойн а, Іамалекхахойн а, маІунхойн а карахь долуш аша Соьга гІо доьхура. Аса цу нехан карара шу схьа ма дехира. 13Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Іамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кІелхьардохур дац. 14Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара».
15Амма Исраилан халкъо Везачу Эле элира: «Оха тхайх къа латийна. Хьайна луъург тхох дан а дай, хІинца кІелхьардахахьара Ахьа тхо». 16Харцделанаш дІа а тесна, Исраилан халкъ Везачу Элана Іамал еш дІахІоьттира. Цара хьоьгуш болчу балана са ца детталора Везачу Эле.

 

Яптахь мехкан куьйгалхо хоржу

 

17Іамминхой тІом бан кечбеллера. ГалІадан лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицІпа-гІала йолчохь шайн меттамотт дІахІоттийра. 18ГалІадхойн куьйгалхоша элира: «Іамминхошца дуьххьара тІом болийнарг ГалІадахь долчу массо а халкъана тІехь хьаькам хилла дІахІуттур ву».

 

 

11

 

1ГалІадхойх схьаваьлла волу майра тІемало вара Яптахь. Цуьнан нана нахаца лелаш яра, ткъа Яптахь цо ГалІад цІе йолчу стагах винера. 2ГалІадан зудчо цунна вина масех кІант вара. Баккхий хиллачул тІаьхьа Яптахь цІа чуьра араваьккхира цара. Цара цуьнга элира: «Тхан да кхелхинчул тІаьхьа цуьнан хІуманах хьуна хІумма а ца догІу, хьо кхечу зудчо вина волу дела». 3Шен вежарех ведда, Яптахь ТІоба олучу махка дІавахара. Цигахь цунна улло гулбеллера, деш-дуьтуш а доцуш, лелаш болу нах. Уьш цунна тІаьхьахІиттира.
4Цхьа хан яьлча, Іамминхой тІелетира исраилхошна. 5Іамминхойн исраилхошца болу тІом дІаболабеллачул тІаьхьа галІадхойн къаной баьхкира Яптахь ТІоба-махкара дІавига. 6Къаноша Яптахье элира: «Тхуна тІехь куьйгалхо а хилий, Іамминхошца тІом байта вайга».
7Амма Яптахьа галІадхойн къаношка элира: «Соьца шайн болу цабезам бахьана долуш со сайн ден цІа чуьра араваьккхира аша. Шайна тІе вон деача, со волчу стенна даьхкина шу?»
8ГалІадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Іамминхошца ахьа тІом баре а, ГалІадахь дехаш мел долчу адамашна тІехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу».
9Яптахьа къаношка хаьттира: «Іамминхошца тІом бан аша со юхаверзийча, Везачу Эло уьш сан кара схьалахь, со шун куьйгалхо хилла вуьсур вуй?»
10ГалІадарчу къаноша Яптахье элира: «Веза Эла теш хуьлийла вайна юкъахь. Оха ахьа мел бохург дийр ду!» 11Яптахь ГалІадарчу къаношца дІавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дІахІоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицІпахь юха а элира.

 

Яптахьа Іамминхойн паччахье хабар дахьийтар

 

12Яптахьа Іамминхойн паччахь волчу шен векалш бахийтира хабар эцна: «Вайна юкъа хІун доьлла? Хьо тхан лаьтта тІе тІамца хІунда веана?» – аьлла.
13Іамминхойн паччахьо Яптахьан векалшка жоп делира: «Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадогІучу хенахь, цо Арнон-хина тІера Ябокхний, Йорданний тІекхаччалц сан латтанаш дІалаьцна. Уьш машарца юхадерзаде суна».
14Шена и хабар схьакхаьчча, Яптахьа уьш юха а Іамминхойн паччахь волчу дІахьовсийра 15цуьнга дІаала: «Яптахьа иштта боху: „Исраилхоша я муабахойн а, я Іамминхойн а латтанаш схьа ца лаьцна, 16хІунда аьлча Мисар-махкара схьадогІучу хенахь Исраилан къам, яьссачу аренгахула Эрзийн хІорд болчу а кхаьчна, цигара Кхадеше кхечира. 17Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тІе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тІехула дІадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тІе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тІехула дІадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера. 18Цул тІаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дІадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тІех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тІе ца бевлира уьш, хІунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара. 19Исраилхоша шайн векалш бахийтира Хьешбон-гІалара эмархойн паччахь волчу Сихьонна тІе. Векалша Сихьоне элира: ‘Исраилан халкъ хьайн лаьтта тІехула дІадахийтахьара ахьа. Тхо тхайн лаьтта тІе дІадаха дохкура’. 20Амма Сихьона исраилхошна шен лаьтта тІехула дІадаха пурба ца делира. Иза, шен халкъ схьа а гулдина, ЯхІацахь меттамотт дІа а хІоттийна, исраилхошца лата кечвелира. 21Исраилан халкъан Везачу Дала Сихьон а, цуьнан къам а исраилхойн кара схьаделира. Эмархойн дерриг а латта исраилхойн дола делира. 22Церан карахь дара Арнон-хина тІера дуьйна Ябокх-хина тІекхаччалц а, иштта яьссачу аренгара Йорданна тІекхаччалц а долу латта. 23Исраилан халкъан Везачу Дала Шен Исраилан халкъана хьалхара эмархой дІалаьхкина, ткъа хьо хІинца и латта схьадаккха гІерташ ву? 24Шайн дела волчу Камоша делла латта шун долахь ма ду! Иштта тхо а дехар ду тхайн Везачу Дала тхайна деллачу лаьтта тІехь! 25Ткъа хьо муабахойн паччахь волчу Ципуран кІантал Балакхал тоьлуш ву? Исраилхошца барт эгІар хиллий цуьнан, я тІом бина цо цаьрца? 26Исраилан халкъ Хьешбонехь кхаа бІе шарахь даьхна, иштта ІаруІерахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а, Арнон-хина гонахьа мел йолчу гІаланашкахь а даьхна. Цу хенахь хІунда ца даьккхира аша и латта схьа? 27Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тІамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Іамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“». 28Амма Яптахьа векалшкахула аьллачуьнга Іамминхойн паччахьо ла ца дуьйгІира.

 

Яптахьа нигат до

 

29Яптахьна тІе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалІадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалІадарчу МицІпехула Іамминхойн махка тІе кхечира. 30Цо, Везачу Элана хьалха нигат деш, элира: «Нагахь санна Іамминхой Ахьа сан кара схьалахь, 31со толамца цигара юхавирзинчул тІаьхьа, сайн керта чуволуш сайна дуьххьара дуьхьалкхеттарг Хьуна сагІина дІалур ду Аса, иза дага а деш».
32Цул тІаьхьа Яптахьа, Іамминхой болчу а вахана, цаьрца тІом бира. Везачу Эло Іамминхой цуьнан кара дІабелира. 33Цо ІаруІера дуьйна Минит-гІалина тІекхаччалц а, цигара дІа Абал-Кирамамна тІекхаччалц а йолу ткъа гІала йохийна дІаяьккхира. Иза Іамминхошна тІехь баьккхина боккха толам бара. ХІетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара.
34Яптахь МицІпахь долчу шен цІа юхавирзира. Цунна гира, жиргІа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогІуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоІ. Цуьнан кхин я кІант а, я йоІ а дацара. 35Шена дуьхьалйогІуш йолу шен йоІ гича, Яптахьа шена тІера бедарш этІийра, ша холчу хІоттар дІагойтуш. Цо элира: «Сан йоІ! Со вий-кх ахьа! Со дакъазаваьккхи-кх ахьа! Аса Везачу Элана хьалхахь дина нигат ду, иза дохо сан йиш а яц!»
36Яптахье цуьнан йоІа элира: «Сан да! Везачу Элана ахьа дош делла, цундела ахьа иза кхочушдан деза. Везачу Эло хьан мостагІий болчу Іамминхошна бекхам ма байтина хьоьга!» 37Цул тІаьхьа цо шен дега элира: «Цхьа гІуллакх дехьа ахьа сан дуьхьа: со шина баттана сайна луъучу дІаяхийтахьа. Лаьмнашкахула лелаш, сайн доттагІашца йоьлхур яра со цкъа а маре ца йоьдуш йисарна».
38Цо шен йоІе элира: «ГІо хьайна». Шина баттана дІаяхийтира цо иза. Шен доттагІашца дІа а яхана, цо и хан, ша цкъа а маре гІург цахилар бахьана долуш, лаьмнашкахь йоьлхуш яьккхира. 39Ши бутт дІабаьллачул тІаьхьа иза шен да волчу юхайирзира. Дас ша Везачу Элана хьалхахь дина долу нигат кхочушдира. Иштта Яптахьан йоІ цкъа а боьршачу стагах ца кхийтира. Ткъа Исраилан махкахь ламаст хилла дІахІоьттира, 40хІора шарахь массо а зударша диъ де галІадхо волчу Яптахьан йоІана боьлхуш даккхар.

 

12

 

Яптахь а, эпраймхой а

 

1Эпраймхой, вовшах а кхетта, Цапун-гІала дехьабевлира. Цара Яптахье элира: «Хьо Іамминхошца тІом бан воьдучу хенахь тхо хІунда ца дигира ахьа хьайца? Оха хьан цІа хьоьца цхьаьна дагор ду».
2Яптахьа цаьрга элира: «Тхуний, Іамминхошний юкъахь доккха дов дара. Аса шуьга гІо дийхира, амма аша тхо кІелхьара ца дехира. 3Аша тхуна гІо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Іамминхошца тІом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хІинца стенна даьхкина соьца тІом бан?» 4Цул тІаьхьа Яптахьа, ГалІадара массо а стаг схьа а гулвина, эпраймхошца тІом бира. Царна тІехь цо толам баьккхира, хІунда аьлча эпраймхоша аьллера: «Шу бевдда баьхкинчу эпраймхойх а, маннашхойх а тІаьхьадисина долу цхьа дакъа ду». 5ГалІадхоша Йордан-хих дехьаволуш йолу меттигаш дІалецира. Шайга хІаллакбаза бисина болчу эпраймхоша хил дехьадовла пурба дехча, галІадхоша цаьрга хоттура: «Хьо эпраймхо-м вац?» Цара «Вац» – аьлла жоп делча, 6галІадхоша цаьрга «шибболет» боху дош ала олура. Амма эпраймхошка и дош нийса ца алалуш, цара «сибболет» олура. ГалІадхошна иштта хаьара, уьш эпраймхой буйла. Уьш цара хил дехьаволийла йолчохь бойура. Цигахь иштта шовзткъе шиъ эзар эпраймхо хІаллакьхилира.
7Яптахь ялх шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. Цул тІаьхьа Яптахьан кхалхар хилира. Иза ГалІадарчу цхьана гІалахь дІавоьллира.

 

Мехкан куьйгалхо Ивцан

 

8Яптахьана тІаьхьа Исраилан махкахь кхелахо Байтлахам-гІалара Ивцан вара. 9Цуьнан ткъе итт кІант а, ткъе итт йоІ а яра. Цо шен зудабераш шайн гергара боцчу божаршка маре бахийтира, ткъа шен кІенташна шайн гергара боцчу нехан зудабераш далийра. Ивцан ворхІ шарахь Исраилан махкахь куьйгалхо хилла лаьттира. 10Цул тІаьхьа Ивцан кхелхира. Иза дІавоьллира Байтлахам-гІалахь.

 

Мехкан куьйгалхо Эйлон

 

11Ивцанна тІаьхьа Исраилан махкахь куьйгалхо хилла дІахІоьттира Забулан тайпанах волу Эйлон. Иза цу даржехь итт шарахь лаьттира. 12Цул тІаьхьа Забулан некъех волу Эйлон кхелхира. Иза дІавоьллира Забулан лаьтта тІехь йолчу Айлон-гІалахь.

 

Мехкан куьйгалхо Іабдани

 

13Эйлон веллачул тІаьхьа Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира Іабдани. Иза вара ПІарІатунарчу ХІалилин кІант. 14Іабданин шовзткъа кІант а, ткъе итт кІентан кІант а вара. Уьш кхузткъе итт вирана тІехиъна лелаш бара. Иза бархІ шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо лаьттира. 15Цул тІаьхьа ПІарІатунарчу ХІалилин кІант Іабдани кхелхира. Иза Іамалекхахой Іаш хиллачу лаьмнашкахь, Эпрайман лаьтта тІехь йолчу ПІарІатунахь, дІавоьллира.

 

13

 

Шамшон дуьнен чу валар

 

1Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пІелаштамхойн кара дІабелира.
2Цу хенахь Манахь цІе а йолуш, Данан тІаьхьенах волу цхьа стаг вара ЦорІа-гІалахь вехаш. Цуьнан зуда берах хуьлуш яцара. 3Цу зудчунна дуьхьал Везачу Элан Малик деара. Цо элира: «Хьо берах хуьлуш а, бер деш а ца хиллехь а, ахьа, берах а хилла, кІант вийр ву. 4ХІинцачул тІаьхьа ларлуш хила, цхьанна а тайпана долу чагІар а ма мала, Далла хьалха боьха йолу хІума а ма яа. 5ХІинца берах а хилла, ахьа кІант вича, цуьнан корта дІа ма башийта, хІунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардаккха волалур ву».
6Зудчо, схьа а еана, шен майрачуьнга элира: «Делан стаг веанера со йолчу. ТІехьаьжча, Делан маликах тера а волуш, чІогІа даг чу кхерам тосуьйтуш стаг вара иза. Аса мичара ву аьлла ца хаьттира цуьнга, ткъа цо шен цІе а ца яьккхира. 7Цо элира: „Ахьа кІант вийр ву. Цундела цхьа а тайпана вахош долу малар а ма мала, Далла цІена хетарг бен хІума а ма яа, хІунда аьлча и бер хьан кийрахь долчу хенахь дуьйна ша дуьнен чуьра дІадаллалц Дала вазвина назархо хир ву“».
8ТІаккха Манахьа шен доІанна тІехь Везачу Эле дехар деш элира: «Веза Эла! Делан стаг кхин а цкъа тхо долчу ваийтахьара Ахьа, тхоьга дуьнен чу дала дезачу цу берана оха хІун дан деза дуьйцуш».
9Далла Манахьан аз дІахезира. Делан малик, Манахьан зуда йолчу юха а деана, дІахІоьттира. Цу хенахь иза аренгахь яра, цунна уллохь цуьнан майра волу Манахь а вацара. 10Едда шен майра волчу а яхана, зудчо цуьнга хаам беш элира: «Со йолчу юха а тохарлера стаг веана».
11Манахь, хьала а гІаьттина, шен зудчунна тІаьхьа а хІоьттина, цу стагана тІевахара. Цо элира: «Хьо вуй хІокху зудчуьнца къамел динарг?»
Малико элира: «Со ву».
12Манахьа элира: «И хьан дешнаш кхочушхиллачул тІаьхьа, кІант муха кхио веза оха? Цунна хІун дан деза?»
13Везачу Элан Малико элира: «Хьайн зудчуьнга аса мел аьллачух ларло ала. 14Кемсийн таьллангех йолуш йолу хІума ма яийта, вахош долу маларш а ма малийта, Далла боьха хетачу хІуманех мотт а ма тохийта. И аса аьлларг дерриг а кхочушдайта цуьнга».
15Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Тхуна хьо социйла лаьара, буьхьиган жижиг кхихкина даллалц».
16Везачу Элан Малико Манахье элира: «Со кхузахь соцуш хилахь а, аса хьан кхача буур бац. Нагахь санна дийнаташ дагоран сагІа даккха лууш хьо велахь, и гІуллакх Везачу Элан дуьхьа де». Манахьана ца хаьара, иза Везачу Элан Малик дуйла.
17Манахьа Везачу Элан Малике элира: «Хьан цІе хІун ю? Хьан дешнаш кхочушхилча, тхуна луур ду хьан сий хьаладаккха».
18Везачу Элан Малико цуьнга элира: «Сан цІе хІунда хоьтту ахьа? Иза тамашийна ю».
19ТІаккха Манахьа, буьхьиг а, кІа а схьа а эцна, тІулга тІехь Везачу Элана сагІа даьккхира. Манахь а, цуьнан зуда а хьоьжучу хенахь Везачу Эло цхьа тамашийна гІуллакх дира. 20СагІа доккхучу тІулгашна тІера цІе стигала хьалаяхча, Везачу Элан Малик цу цІарца стигала хьаладахара. И хІума шайна гича, Манахь а, цуьнан зуда а лаьтта бертал охьадуьйжира. 21Везачу Элан Малик Манахьана а, цуьнан зудчунна а гучуьра къайладелира. ТІаккха Манахьана хиира, иза Везачу Элан Малик дуйла.
22Манахьа шен зудчуьнга элира: «Вайна Дела гира! Цундела вайшиъ лийр ду!»
23Амма цуьнан зудчо элира: «Везачу Элана вайшиъ ден лиънехь, Цо вайшиммо сагІина лерина йолу буьхьиг а, кІен сагІа а дІаоьцур дацара. Иштта Цо Ша гайтинарг а гойтур дацара вайна я цхьа а тайпана хІума а эр дацара».
24Цу зудчо кІант вира, цуьнан цІе Шамшон а тиллира. И бер кхуьуш догІуш дара, Везачу Эло иза къобал а дора. 25Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цІе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорІаний, Эштаулний юккъехь дІахІоттийна яра.

 

14

 

Шамшона зуда ялайо

 

1Цхьана дийнахь Шамшон Тамна-гІала вахча, цунна пІелаштамхойн цхьа жима зуда гира. 2ЦІа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гІалахь пІелаштамхойн цхьа йоІ гира. Иза суна схьаялае».
3Дас-нанас цуьнга элира: «Хьан гергарчарна я къомана юкъахь яц ахьа ялон мегар йолу йоІ? Стенна лоьху ахьа сунтбаза болчу пІелаштамхошна юкъахь хьайна яло зуда?»
Амма Шамшона шен дега элира: «Иза ялае суна. И йоІ суна хазахетта».
4Цуьнан дений, нанний ца хаьара, и хІума Везачу Элера дуйла: Иза пІелаштамхошна бекхам бан меттиг йоккхуш вара. Цу хенахь пІелаштамхой Исраилан махкахь олалла деш бара.
5Шамшон шен деций, ненаций Тамна-гІала вахара. Цу гІалин йистехь йолчу кемсийн беша улло хІорш нисбелча, цунна дуьхьал, гІигІ деш, къона лом делира. 6Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира, тІаккха цо и лом, буьхьиг санна, этІийна, цистина, дІадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хІумма а ца элира.
7Шамшона, гІала а веана, цу пІелаштамхойн йоІаца къамел дира. Цунна иза езаелира. 8Масех де даьлча, иза юха а цу гІала вахара, шена пІелаштамхойн и йоІ яло дагахь. Новкъахула дІавоьдуш, ша дийна долчу лоьме хьажа вахара иза. Еллачу хІуманна чохь цунна гира накхармозийн вай а, моз а. 9Шамшона и моз, куьйгаца схьа а эцна, новкъахула дІавоьддушехь диира. ЦІа веача, шен дений, нанний кІеззиг моз делира цо. Цара иза диира. Амма Шамшона цаьрга дІа ца элира, ша и моз деллачу лоьмана чуьра даьккхина хилар.
10Шамшонан да цу йоІе хьажа вахара. Цигахь Шамшона, зуда ялош волчо ма-хІоттора, той дІахІоттийра. 11Шамшон шайна гича, пІелаштамхоша ткъе итт стаг вахийтира иза волчу. Уьш цуьнца хила безаш бара. 12Шамшона цаьрга элира: «Аса хІетал-метал лур ду шуна. Той дІахьочу ворхІ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тІехулара бедар а лур ю шуна. 13Нагахь санна аса делла долу хІетал-метал шуна ца хаахь, аша суна схьаяла еза ткъе итт коч а, ткъе уьттазза хийца бедар а».
Цара элира: «Схьаала хьайн хІетал-метал. Тхо ладугІуш ду».
14Шамшона цаьрга хІетал-метал делира:
«Юуш волчунна чуьра яа хІума елира,
ткъа ницкъ болуш волчунна чуьра мерзаниг елира».
Кхаа дийнахь хІетал-метална жоп дала ца хууш Іийра уьш.
15ДоьалгІачу[6] дийнахь Шамшонан зудчуьнга цара элира: «ХІетал-метал схьаала бертавалаве хьайн майра. Иза цо схьа ца алахь, оха хьо а, хьан ден цІа а дагор ду. ЧІим санна, тхо цІандан кхайкхинера аша?»
16Зуда, йоьлхуш, дІахІоьттира Шамшонна хьалха. Цо бохура: «Хьуна со ца еза. Сан къомана хІетал-метал делла ахьа, ткъа соьга иза ахьа схьа ца олу».
Шамшона цуьнга элира: «Сайн дега а, нене а ца аьлла аса иза. Ткъа хьоьга ала дезара аса иза?» 17Кхаьргахь той дІахьочу ворхІ дийнахь йилхина иза Шамшонна хьалха. ТІаьххьара а ворхІалгІачу дийнахь зуда шега дехар дечуьра ца сецча, цо цуьнга хІетал-метал дІадийцира. ТІаккха зудчо и хІетал-метал шен къомах болчарна довзийтира. 18ВорхІалгІачу дийнахь малх дІабузале пІелаштамхоша Шамшоне элира:
«Мазал мерза хІун ю,
лоьмал ницкъ болуш мила ву?»
Ткъа Шамшона цаьрга элира:
«Сан дуьхьаргана тІехь аша охана деш ца хиллехь,
шуна сан хІетал-метал хуур дацара».
19Цуьнга ницкъ боуьйтуш, Везачу Элан Са доьссира Шамшонна тІе. Цо, Ашкхилун цІе йолчу гІала а вахана, цигахь ткъе итт пІелаштамхо а вийна, царна тІера кучамаш а, кхийолу бедарш а, схьа а яьхна, хІетал-метал хиъначарна дІаелира. Цул тІаьхьа, чІогІа оьгІаз а вахана, иза шен ден цІа вахара. 20Ткъа Шамшонан зуда церан тойнехь хьаша хиллачу кхуьнан доттагІчуьнга маре дІаелира.

 

15

 

Шамшона пІелаштамхошна сингаттам бахьа

 

1Масех де даьлча, кІа хьокхучу хенахь, Шамшон шен зуда йолчу веара, жима буьхьиг а яхьаш, иза гархьама. Стундега цо элира: «Сайн зуда дІаюьжучу чугІур ву со». Амма вукхо иза чу ца вахийтира. 2Цо элира: «Суна моьттинера, иза хьуна ца езаелла, цундела аса иза хьан доттагІчуьнга маре дІаелира. Цул жимах ерг хазо ю хьуна, иза цуьнан метта дІайига».
3Амма Шамшона цаьрга элира: «ХІинца суна цхьаммо а бехк буьллур бац, аса пІелаштамхошна зен дахь». 4Шамшона, ваха а вахана, кхо бІе цхьогал а лаьцна, уьш шишша цхьаьна шайн цІогарчашца дІа а дихкина, хІора шина цІоганна юкъахь хаьштиг дихкира. 5И хаьштигаш лата а дина, цо и кхо бІе цхьогал пІелаштамхойн кхашна тІе дІахийцира. Хьаькхна лаьтташ долу кІен цІевнаш а, хьакхаза долу кІа а, кемсийн аренаш а, зайт-дитташ а дагийна дІадехира. 6ПІелаштамхоша хоьттура: «Иза хьан дина?» Царна жоп делира: «Тамнахочун нуц волчу Шамшона дина, шен зуда цуьнан дас кхечунна дІаелла дела». ПІелаштамхоша и зуда а, цуьнан да а волчу а баьхкина, уьш, цІе а тесна, багийра.
7Шамшона цаьрга элира: «Аша иза дарна, аса бекхам бийр бу шуна. Цул тІаьхьа бен суна тем хир бац». 8Настарш а, хенаш а кегдина, пІелаштамхой охьабехкира цо. Цул тІаьхьа иза ІайтІам олучу тархана уллорачу чІожа чохь охьахиира.

 

Шамшона пІелаштамхошна тІехь толам баккхар

 

9Ткъа пІелаштамхой, тІамана ара а бевлла, ЯхІуд-махкахь шайн меттамотт дІа а хІоттийна, Лахьи олучу меттигна тІелетира. 10ЯхІуд-махкарчу бахархоша цаьрга хаьттира: «Шу тхуна дуьхьал хІунда девлла?»
ПІелаштамхоша жоп делира: «Тхо, Шамшон схьа а лаьцна, иза дІавехка даьхкина. Оха цунна тІехь а дийр ду цо тхайна диннарг». 11ЯхІуд-махкара кхаа эзар стага, ІайтІам цІе йолчу тархана уллохь Іуьллучу чІожа чу а вахана, Шамшоне элира: «Хьуна ца хаьа пІелаштамхой тхуна тІехь олалла деш дІахІиттинийла? ХІунда дина ахьа иза?»
Шамшона цаьрга элира: «Цара суна динарг аса царна дІадекхна».
12ТІаккха цара цуьнга элира: «Тхо хьо, дІа а вихкина, пІелаштамхошка дІавала даьхкина».
Шамшона цаьрга элира: «Шаьш со вуьйр вац алий, дуй баа».
13Цара жоп делира: «Оха хьо, дІавехкар бен, вуьйр вац. Цул тІаьхьа пІелаштамхойн кара дІалур ву». ЦІеначу шина муьшаца иза дІа а вихкина, чІожа чуьра Шамшон араваьккхира цара.
14Иза Лахьина улло кхаьчча, пІелаштамхой маьхьаршца дуьхьалбевлира цунна. ТІаккха Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира. Цуьнан куьйгаш дІадихкина долу машшаш даьгна дІадаьлла долу вета санна хилла дІахІиттира. Цуьнан куьйгаш тІера буржалш охьаийгира. 15Дукха хан йоццуш еллачу виран мочхал карийра цунна. Куьг дІа а кховдийна, иза схьа а эцна, цуьнца цо цхьа эзар стаг вийра. 16Шамшона элира:
«Виран мочхалца царах баьрзнаш а дина,
виран мочхалца аса эзар стаг ма вийра!»
17И дешнаш а аьлла, шен карара мочхал дІакхоьссира цо. Цу меттиган цІе Рамат-Лахьи тиллира цо (иза «мочхалан Рамат» бохург ду).
18Иза чІогІа хьагвеллера. Цо, Везачу Эле вистхуьлуш, элира: «Хьайн лен карахула Ахьа тхо кІелхьардехи. Ткъа хІинца со, хьогалла вала а велла, хІокху сунтбаза болчеран кара ма вахийтахьара Ахьа». 19Дала боккха кІаг балийтира Лахьи-меттехь, цу чуьра хи хьаладелира. Шамшона и хи меллачул тІаьхьа, цуьнан ницкъ юхабеара. Цундела тиллина цу меттиган цІе Іейн-Кхури аьлла (иза «кхойкхучун хьоста» бохург ду). Иза хІинца а Лахьи-меттехь йолуш ю.
20Шамшон пІелаштамхойн заманахь ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лаьттира.

 

16

 

Шамшон Іази-гІала воьду

 

1Цхьана дийнахь Шамшон Іази-гІала кхечира. Цигахь цунна нахаца лелаш йолу цхьа зуда гира. Шамшон иза йолчу вахара. 2Іази-гІаларчу бахархоша элира: «Кхуза Шамшон веана». Иза ларвеш, буьйса дІаяллалц Іийра уьш гІалин ков долчохь. «Іуьйре тІекхаьчча, Шамшон вуьйр ву вай», – аьлла, ерриг а буьйса бист ца хуьлуш яьккхира цара. 3Буьйса юккъе яххалц вижина Іиллира Шамшон. Цул тІаьхьа, хьала а гІаьттина, катоьхна, гІалин ков шен гураца, боьллинчу гІуйца цхьаьна схьа а даьккхина, шен белшашна тІе а диллина, Хьевронана малхбалехьа болчу ломан буьххье хьаладаьккхира цо.

 

Шамшон а, Делила а

 

4Дукха хан ялале, цунна цхьа зуда езаелира, Суракх олучу тогІи чохь Іаш йолу. Цуьнан цІе Делила яра. 5Иза йолчу пІелаштамхойн куьйгалхой баьхкира дехарца: «Хаа хьажахьара хьо, стенца доьзна ду Шамшонан ницкъ болуш хилар. ТІаккха тхуна хуур дара, иза, дІа а вихкина, муха сацо веза. Ахьа тхан дехар кхочушдахь, оха хІораммо а хьуна цхьа эзар бІе шекхал дети лур дара».
6Делилас Шамшоне элира: «Дийцахьа соьга, стенца доьзна ду хьан цу тайпана ницкъ болуш хилар? Стенца дІавихкина сацо веза хьо?»
7Шамшона цуьнга элира: «Нагахь санна со якъоза йолчу керлачу ворхІ зІенарца дІавехкахь, соьгара ницкъ дІа а баьлла, со массо а нах санна хир ву».
8Эццахь пІелаштамхойн куьйгалхоша якъоза тІуьна йолу ворхІ керла зІенар еара. ТІаккха Делилас цаьрца Шамшон дІавихкира. 9Шен цІа чохь цхьаболу божарий дІа а лачкъийна, цо элира: «Шамшон! ПІелаштамхой бу хьуна тІебогІуш!» Цо, тохавелла, зІенарш хадийра, яьгначу бехчалган теш санна. Цундела пІелаштамхошна цуьнан ницкъ стенца боьзна бу ца хиира.
10ТІаккха Делилас Шамшоне элира: «Ахьа со лейина, бакъдерг схьа а ца дуьйцуш. ХІинца мукъана дийцахьа, хьо стенца дІавехка веза?»
11Шамшона элира: «Нагахь санна со цкъа а лелоза долчу машшашца дІавехкахь, соьгахь ницкъ хир бац. Со массо а нах санна хир ву».
12Делилас, керла машшаш схьа а эцна, иза дІавихкира. Цуьнан цІа чохь цхьаболу божарий дІа а лачкъийна, цо цуьнга элира: «Шамшон! ПІелаштамхой бу хьуна тІебогІуш!» И машшаш цо шен куьйгаш тІера, теш санна, охьадехира.
13Делилас юха а Шамшоне элира: «Со массо а хенахь лейо ахь, суна харцдерг а дуьйцуш. Дийцахьа соьга, муха дІавехка веза хьо?»
Шамшона цуьнга элира: «КІади деш йолчу чорха тІехь сан месех йина йолу ворхІ чІаба цу кІадинах дІа а юьйцина, ахьа иза хьостамашца гуьйригах дІатохахь, со, массо а нах санна, гІийла хир ву». Иштта иза вижинчул тІаьхьа, цуьнан ворхІ чІаба кІадинах дІа а юьйцина, 14уьш, цо ма-аллара, гуьйригах дІа а тоьхна, Делилас цуьнга элира: «ПІелаштамхой хьуна тІебогІуш бу, Шамшон!» Вижинчуьра сама а ваьлла, кІадица цхьаьна гуьйриг а озийна схьаяьккхира цо.
15Делилас цуьнга элира: «Ахьа, со еза бохуш, къамелаш дахь а, хьан дог соьца дац. Кхузза со лейина ахьа, хьайгахь болу боккха ницкъ мичара бу ца дуьйцуш». 16ХІора дийнахь чІогІа сагатдора цо Шамшонан, цуьнан къайле гучуяккха гІерташ. Иза валлал чІогІа саготта вара. 17ТІаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хІунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогІуш ву. Сан корта дІабашахь, соьгара ницкъ дІабер бу. ТІаккха со массо а нах санна хилла дІахІуттур ву».
18Делилас, цо шен къайле гучуяьккхинийла хиъна, пІелаштамхойн куьйгалхошка кхайкха стаг вахийтира. Цо ша бохуьйтуш болчаьрга элира: «ХІинца цо суна шен мел йолу къайле гучуяьккхина». Шайн карахь дети а долуш, пІелаштамхойн куьйгалхой Делила йолчу баьхкира. 19Шен голаш тІехь Делилас Шамшон дІавижийра. Иза тхьаьвсинчул тІаьхьа, цо цхьа стаг схьа а кхайкхина, Шамшонан коьртара ворхІ чІаба дІахадаяйтира. Иза, малвелла, ницкъ дІа а баьлла, дІахІоьттира. 20Делилас элира: «ПІелаштамхой хьуна тІебогІуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кІелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла. 21ПІелаштамхоша, схьа а лаьцна, цуьнан ши бІаьрг баьккхира. Цул тІаьхьа Іази-гІала дІа а вигна, цІестан шина зІенаца цунна буржал туьйхира цара. Цунна тутмакхийн цІа чохь кІа ахьар тІедожийра. 22Цу хенахь цуьнан коьртара дІахедийна йолу месаш тІейовлуш яра.

 

Шамшон кхалхар

 

23ПІелаштамхойн куьйгалхой вовшахкхеттера сакъера а, шайн дела волчу ДагІонна доккха сагІа даккха а. Цара бохура: «Вайн дала Шамшон вайн кара схьавелла». 24ПІелаштамхой а, шайна Шамшон гича, шайн далла хастамаш бан буьйлабелира: «Вайна юкъара дуккха а нах хІаллакбеш, вайн мохк бассош хилла волу вайн мостагІ вайн дала вайн кара схьавелла». 25Шайн сакъераделлачу меттехь цара элира: «Схьакхайкхал Шамшоне вайн самукъадаккхийта». Тутмакхийн цІа чуьра Шамшон кхайкхина схьавалийра. Церан самукъадоккхуш вара иза. Шамшон цара шина бІогІамна юккъехь дІахІоттийра. 26Шен куьг а лаьцна лелаш волчу жимачу кІанте Шамшона элира: «И цІа тІехь лаьтташ болчу бІогІамашна улло дІавигахьа со царах куьг Іоттийта. Суна цу бІогІамашна тІетовжа лаьа». 27Цу цІа чохь дуккха а зударий а, божарий а бара. Царна юкъахь схьагулвелла массо а пІелаштамхойн куьйгалхо а вара. ЦІийнан тхов тІехь Шамшоне, бийла а буьйлуш, хьоьжуш лаьтташ кхо эзар хиллал стаг а, зуда а яра.
28Везачу Эле дехар дира Шамшона: «Сан Хьалдолу Эла! Дагаваийтахьа со Хьайна! Цкъа мукъана а ницкъ лохьа суна сайн ши бІаьрг бахьана долуш пІелаштамхошна бекхам бан». 29Катоьхна, дерриг а цІа тІехь а долуш, юккъехь лаьтташ болу ши бІогІам схьа а лаьцна, аьтту а, аьрру а куьйгашца и ши бІогІам дІасатеттира цо. 30Цо элира: «Сан а пІелаштамхошца са долийла!» Шен ницкъ мел бу дІасатеттира цо и ши бІогІам. Дерриг а цІа пІелаштамхойн куьйгалхошний, цу чохь хиллачу адамашний тІедуьйжира. Ша лечу хенахь Шамшона хІаллакбина болу пІелаштамхой цо шен дахарехь хІаллакбиначарал а алсам бара.
31Цуьнан вежарша а, цІийнах мел волчу стага а, схьа а баьхкина, иза дІаваьхьира. ЦорІаний, Эштаулний юккъехь, шен ден Манахьан къубба чохь, дІавоьллира Шамшон. Иза ткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла вара.

 

17

 

Микин цІуш

 

1Эпрайман лаьмнаш долчу махкахь вехаш Іаш хилла Мика[7] цІе йолу цхьа стаг. 2Микас шен нене элира: «ДагадогІий хьуна хьан лачкъийна долу цхьа эзар бІе шекхал долу дети? Ахьа суна хьалха сардамаш а кхайкхийра иза лачкъийначунна. И дети соьгахь ду. Аса схьаэцнера иза».
Нанас элира: «Везачу Эло декъала войла хьо, сан кІант!» 3Микас и дети шен нене дІаделира. Ткъа нанас элира: «Сан кІант, хьуна тІера хІара дети аса деккъа цхьана Везачу Элана лору. ЦІу а вай, цунна тІе дети дилла. ХІинца аса хьуна и дети юхало». 4Амма Микас дети шен нене юхаделира. Ткъа цо, ши бІе шекхал дети схьа а эцна, иза дато пхьере дІаделира. Цу пхьеро цунах тІе дети диллина волу цІу вира. И цІу Микин цІа чохь дІахІоттийна вара.
5Микин шен делан цІа дара. Цо ийпад а, цІуш а бира. Цул тІаьхьа цо, шен кІенташна юкъара цхьаъ къобал а вина, цунах динан да вира. 6Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хІораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
7ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тІевеана стаг санна Іаш вара. 8Иза, Байтлахам-гІалара ара а ваьлла, ша тІекхаьчначохь ваха хаа дагахь лелаш вара. Лелаш, иза Эпрайман лаьмнашкахь лаьтташ йолчу Микин хІусаме кхечира. 9Микас цуьнга хаьттира: «Хьо мичара вогІу?»
Жимачу стага жоп делира: «Со ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара левихо ву. Сайна ваха хаа меттиг лоьхуш ву со».
10Микас цуьнга элира: «Со волчохь саца мегар ду хьуна, суна хьехамча а, динан да а хуьлуш. Аса хІора шарахь итт шекхал дети а лур ду хьуна, даа-мала а, тІедуха хІума а латтор ду хьуна». 11Левихойн жима стаг Мика волчохь саца резахилира. Иза цунна кІант санна хилла дІахІоьттира. 12Микас иза къобалвича, жима стаг динан да хилла дІахІоьттира. Иза Микин хІусамехь вехаш а вара. 13Микас элира: «Суна хІинца хаьа Веза Эла сайца дика хир вуйла, хІунда аьлча сан динан да левихойх ву».

 

18

 

Данахойн тайпано шена латта лахар

 

1Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. 2Данан тІаьхьенах болчара шайна юкъара пхи тоьлла волу къонах вахийтира лаьттах дерг талла. И пхи стаг ЦорІера а, Эштаулара а вара. И нах хаьржинера, уьш Данан тайпанах болчеран массо а гаранашкара болу дела. Цаьрга аьллера: «Даха а гІой, мохк талла». Эпрайман лаьмнашка а баьхкина, цара Микин цІа чохь буьйса яьккхира. 3Микин цІенна уллохь шаьш долчу хенахь, цуьнан къамелах къона левихо кхузара воцийла хиира царна. ЦІа чу а баьхкина, цара хеттарш дора: «Хьо кхуза хьан валийна? Хьо кхузахь хІун деш ву?» 4Жимачу стага цаьрга дІадийцира Микас ша йолах тІелаьцна хиларх а, иштта ша иза волчохь динан да хилар а.
5Цара цуьнга элира: «Деле хаттар дехьа, оха схьалаьцна болу некъ беркате хир буй те алий».
6Динан дас жоп делира царна: «Маьрша дІагІо, Везачу Эло, шун некъан тергам а беш, шу Іалашдийр ду».
7И пхи стаг дІавахара. Лаиш-гІала кхечира уьш. Цигахь маьрша дехаш долу адам гира царна. Церан дахар, цІаданхойн ма-хиллара, тийна а, маьрша а дара. Царна гІело еш мостагІий а бацара. Уьш ЦІадан-гІалина генахь бехаш бара, цхьаьнцца а[8] лелош юкъаметтиг а йоцуш. 8И вахийтина волу пхи стаг ЦорІа а, Эштаула а юхавирзича, гергарчара цаьрга хаьттира: «ХІун хии шуна?»
9Цара жоп делира: «Тхуна чІогІа дика латта карийна. Хан ма ялийта! ТІе а латий, и латта цаьргара схьадаккха! 10Цига дІакхаьчча, шуна гур ду, и мел доккха латта ду. Оьшуш мел дерг шортта хуьлу цу махкахь, цигара халкъ, цхьа а стаг шайна тІелетар ву аьлла, дагадогІуш а дац. Дала вайн кара схьалуш ду и латта».
11ЦорІара а, Эштаулара а Данан тайпанах волу ялх бІе стаг новкъа велира. Уьш тІамана кийча бара. 12Лаиш-гІала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхІуд-махкарчу Кхиръят-ЯІаримехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯІаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хІинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду). 13Цигара арабевлла уьш Эпрайман лаьмнашкахь долчу Микин цІийне кхечира.
14Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цІенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цІуш а, тІе дети диллина волу цІу а ву. Ойла е, хІун дан деза». 15Къона левихо чохь Іаш волчу Микин цІа чу а бахана, цуьнга маршалла хаьттира цара. 16Ткъа Данан тІаьхьенах волу ялх бІе стаг тІамана кийчча кевнна уллохь лаьтташ вара. 17Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цІенна чу а вахана, дечиган цІу а, ийпад а, кхиболу цІуш а, детих вина волу цІу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бІе тІемалочуьнца лаьтташ вара.
18ЦІа чу а бахана, цара ийпад а, цІуш а, детих вина волу цІу а схьаэцча, динан дас цаьрга хаьттира: «Шу хІун деш ду?»
19Цара цуьнга элира: «Вист ма хила. Хьайн куьг бета тІе а диллий, тхуна тІаьхьахІотта. Тхо долчохь тхан хьехамча а, динан да а хир ву хьо. Цхьана стеган динан да хуьлучул, Исраилан халкъан цхьана гаранан я тайпанан динан да хилар гІоле дац хьуна?» 20И дешнаш къоначу левихочунна чІогІа дезаделира. Иза, ийпад а, цІуш а, дато цІу а схьа а эцна, Данан тІаьхьенах болчу нахана тІаьхьахІоьттира.
21Шайн новкъа юзабирзира уьш. Цара шайна хьалха дІадохуьйтуш шайн бераш а, бежанаш а, бахам а бара. 22Уьш новкъа бевллачул тІаьхьа, Микин лулахой, вовшах а кхетта, данхошна тІаьхьа а бевлла, царна тІекхечира. 23Цара Данан тІаьхьенах болчаьрга мохь беттара. Вукхара, юха а бирзина, Микига хаьттира: «ХІун хилла? Нах стенна схьакхайкхина ахьа?»
24Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цІуш соьгара дІабаьхна. Аша иштта сан динан да а дІавигна. Суна диснарг хІун ду? Стенна хоьтту аша: „ХІун хилла?“ – бохуш?»
25Данан тІаьхьенах болчара цуьнга элира: «Тхуна хьайн аз ма хазийталахь, оьгІазбахана нах шайна тІе ца латийта. ТІаккха ахьа хьо а, хьайн доьзал а хІаллакбойтур бара». 26Данан цІийнах болу нах шайн новкъахула дІабахара. Ткъа уьш шел тоьлур буйла хууш волу Мика шен цІа юхавирзира.
27Данхоша иштта схьадаьккхира Микас шена мел динарг. Цуьнан динан да а шайца дІавигира цара. Уьш, Лаиш-гІала дІа а бахана, цигахь маьрша бехаш Іаш болчу нахана тІелетира. Адам шайн таррашца цистира цара, ткъа гІала цІарца ягийра. 28Царна орцахвала стаг вацара, хІунда аьлча ЦІадан-гІала царна генахь яра, кхиболчаьрца цара юкъаметтиг а ца лелайора. Лаиш-гІала Байт-Рахьубана уллохь йолчу тогІи чохь лаьтташ яра. Йохийна гІала лаьттинчу меттехь данхоша керла гІала а йиллина, уьш цигахь баха хевшира. 29Цара цунна, Дан-гІала аьлла, керла цІе а тиллира. И цІе шайн дайх хилла волчу Исраилан кІентан Данан цІе бахьана долуш тиллина хилла цара. Ткъа цу гІалин хьалхалера цІе Лаиш хилла. 30Данхоша шайн гІалахь дато цІу дІахІиттийна хилла. Шайн динан да вина дІахІоттийна хилла цара Мусан кІентан ГІиршаман кІант ЯхІуната. ЯхІуната а, цуьнан кІентий а Исраилан махкахь динан дай хилла лаьттина, цигара дерриг а Исраилан къам, йийсаре а лаьцна, дІадиггалц. 31Данан тайпа Микас бинчу цІунна корта бетташ лелла, Делан цІа Шилунехь мел лаьтта.

 

19

 

Левихо а, цуьнан гІарбаш-зуда а

 

1Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Іаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара а йолуш, цхьа гІарбаш-зуда хилла. 2Цуьнца дов а даьлла, иза ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь Іаш волчу шен ден цІа яхана хилла. Цигахь цо биъ бутт баьккхина хилла. 3Цуьнан майра, хьала а гІаьттина, цунна тІаьхьавахана. Иза цига вахаран Іалашо, цуьнца доггах къамел а дина, иза ша волчу юхаерзор хилла. Ша цига воьдуш, цо шеца шен ялхо а, ши вир а йигна хилла. Цуьнан гІарбаш-зудчо иза шен да волчу чувигна. Къоначу зудчун дас, иза шена гича, чІогІа хазахетта, цунна дуьхьал а веана, даггара цуьнга маршалла хаьттира. 4Цуьнан стундена чІогІа лаьара иза цигахь сацо. Кхаа дийнахь дууш-молуш, буьйсанаш а йохуш, цигахь Іийна иза. 5ДоьалгІачу дийнахь Іуьйранна, хьалххехь хьала а гІаьттина, шен цІа ваха тохавелла левихо. Амма зудчун дас цуьнга элира: «Цкъа хІума кхаьллича, гІолехь ду хьуна. Цул тІаьхьа дІагІур ду шу».
6Левихо тІаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Іийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха».
7ДІаваха кечвелла волу левихо стундас, дехар а дина, сацийра. Иза кхин а цхьа буьйса йоккхуш Іийра. 8ПхоьалгІачу дийнахь иза, Іуьйранна хьала а гІаьттина, дІаваха кечвелира. Къоначу зудчун дас юха а элира: «Яа хІума а яий, меттавола. Де делкъе даьлча, дІагІур ву хьо». И шиъ юха а дууш, молуш Іийра.
9Левихо а, цуьнан гІарбаш-зуда а, ялхо а дІадаха дагахь хьалагІаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тІейогІуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гІевттина, шайн цІа гІур ду шу».
10Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гІаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тІейоьттина хІума а йолуш ши вир а, цуьнан гІарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гІала схьакхечира (хІинца цу гІалин цІе Ярушалайм ю). 11Уьш цу гІала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гІали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга».
12Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гІали чу а ца доьлхуш, ГебаІ-гІала дІагІур ду вай». 13Цо шен ялхочуьнга элира: «Я ГебаІ-гІала, я Раме дІакхача хьовсур ду вай. Цигахь цхьанхьа буьйса йоккхур ю вай». 14Уьш новкъа бевлира. Бен-Яманан ГебаІ-гІала уьш схьакхаьчча, малх чубузуш бара. 15Кхузахь буьйса яккха сацам бира цара. ГІалин майдана а баьхкина, охьахевшира уьш, амма цаьрга цхьаммо а шайгахь буьйса яккхийта дІа ца кхойкхура.
16Шен кха тІера цІа вогІуш цхьа воккха стаг вара. Иза ша Эпрайман лаьмнашкахь вина хилла, амма хІинца ГебаІ-гІалахь вехаш хилла. Ткъа кхузахь бехаш болу нах Бен-Яманан тайпанах схьабевлла хилла. 17Шена гІалин майданахь левихо гича, цо хаьттира: «Стенгара вогІуш ву хьо? Стенга ваха ваьлла хьо?»
18Левихочо цуьнга элира: «ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара схьадогІуш ду тхо, Эпрайман лаьмнашкахь тхаьш дехаш долчу юьстахчу метте дІадоьлхуш а ду. Тхо хІинца цІа догІуш ду[9]. Амма цхьаммо а буьйса яккха чу ца кхайкхина тхоьга. 19Тхоьгахь ча а ду, варрашна яа хІума а ю, иштта бепиг а, чагІар а ду суна а, соьца йолчу зудчунна а, сан ялхочунна а даа. Тхуна хІумма а ца оьшу».
20Воккхачу стага элира: «Са ма гатде. Шуна оьшург аса хуьлуьйтур ду, амма майданахь буьйса ма яккха». 21Левихо а, цуьнца берш а шен цІа чу а бигна, церан варрашна яа хІума елира цо. Шайн когаш а билина, уьш хІума яа охьахевшира.
22Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа».
23ХІусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хІума. 24Хьажал, сан йоІ а ю шуна, цу стеган гІарбаш-зуда а ю шуна. Аса и шиъ арайоккхур ю шуна, цаьрца шайна луъург де. Амма цу стагаца ма леладахьара аша и сонта хІума». 25Амма царна воккхачу стаге ладогІа ца лаьара. ТІаккха левихочо шен гІарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дІахийцира.
26Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цІийнан неІсагІина хьалха охьаюьйжира. Іуьйре тІекхаччалц Іиллира иза цигахь. 27Іуьйранна левихочо, хьала а гІаьттина, цІийнан неІарш дІайиллира. ЦІа ваха дагахь аравелира иза. Эццахь цунна шен гІарбаш-зуда гира. Иза неІарехь Іуьллуш яра, ткъа цуьнан куьйгаш неІсагІина тІехь дара. 28Левихочо цуьнга элира: «ХьалагІатта, дІагІо вай!» Амма зудчо цунна жоп ца делира. Иза еллера. Левихо, шен гІарбаш-зуда вирана тІе а йиллина, цІа вахара. 29ЦІа веанчул тІаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьІІе дІасадахьийтира. 30И хІума гиначара бохура: «И санна дерг тхуна гина дац, Мисар-махкара арадевллачу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц. Цу хІуманна тІе тидам а бахийтий, шайна юкъахь дага а довлий, хІун дан деза ала».

 

20

 

Исраилхошна а, бен-яманхошна а юкъахь тІом балар

 

1Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. 2Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бІе эзар карахь тур лелош волу тІемало схьагулвеллера кхузахь. 3Бен-яманхошна дІахиира исраилхой МицІпахь схьагулбеллийла.
Исраилхоша хаьттира: «Схьадийца, муха хилира и вон хІума?» 4Йийна йолчу зудчун майрачо цаьрга дийцира: «Со сайн гІарбаш-зудчуьнца Бен-Яманан ГебаІ-гІала веара, цигахь буьйса яккха дагахь. 5Амма буьйсанна ГебаІ-гІалин бахархоша тхо буьйса яккха сецна долчу цІенна го бира, со вен дагахь. Цара сан гІарбаш-зуда хьийзийра. И хІума бахьана долуш иза елира. 6Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьІІе дІасадахьийтира, Бен-Яманан тІаьхьено и инзаре а, сийсаза а гІуллакх Исраилан махкахь дина дела. 7ХІинца аша, исраилхой, шайна юкъахь барт а бай, ала, оха хІун дан деза?»
8Дерриг а халкъо, цхьаъ санна хьала а гІаьттина, элира: «Вайх цхьа а шен четар долчу гІур вац. Вайх волу цхьа а стаг шен цІа юхавоьрзур вац. 9Вай хІинца хІара дийр ду ГебаІ-гІалина: кхаж а тесна, цуьнца тІом бан гІур ду. 10Исраилан тайпанех волчу итт стагана юкъара цхьаъ схьа а хаьржина, тІелата боьлхучарна сурсат дан деза. Вукхара, Бен-Яманан ГебаІ-гІала а кхаьчна, исраилхошна юкъахь бехаш болчу цигарчу нахана таІзар дан деза, и боьха хІума цара шайгара далийтарна». 11Массо а исраилхо, цхьаъ санна, цхьаьнакхийтира цу гІалина дуьхьалвала.
12Цара Исраилан халкъера Бен-Яманан тайпане хабар эцна стаг вахийтира. И хабар иштта дара: «Ма боьха хІума ду шух болчу наха динарг! 13Схьало тхан кара ГебаІ-гІалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дІадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тІаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогІа. 14Шайн гІаланаш а йитина, Бен-Яманан тІаьхьенах болу нах ГебаІ-гІала схьагулбелира, исраилхошца тІом бан дагахь. 15Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тІаьхьенах тур лелош волу тІемало, вовшах а тоьхна, тІамана кечвира. Кхин а ГебаІ-гІалара ворхІ бІе тур лелош волу тІемало а вара цаьрца. 16Дерриг а эскарна юкъара ворхІ бІе стаг къаьсттина дика тІемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тІулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура. 17Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бІе эзар тур лелош волу тІемало схьагулвеллера. Уьш массо а тІамана кийча а бара.
18Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тІом бан доьлхучу хенахь?»
Везачу Эло жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла».
19Цу Іуьйранна исраилхоша шайн меттамотт дІахІоттийра ГебаІ-гІалина генахь доццуш. 20Исраилхой бен-яманхошца тІамана кечбелира. Уьш ГебаІ-гІалина уллохь тІамана нисбелла дІахІиттира. 21ГебаІ-гІалара ара а бевлла, бен-яманхоша цу дийнахь ткъе шиъ эзар исраилхо, вийна, лаьтта охьавиллира. 22Амма Исраилан эскар, къар ца луш, юха а ша хьалхарчу дийнахь лаьттинчу метте тІамана кечделла дІахІоьттира. 23ХІунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?»
Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гІой, тІом бе цаьрца».
24Исраилхойн эскар шолгІачу дийнахь юха а тІегІоьртира бен-яманхойн эскарна. 25Бен-яманхойн эскаро, юха а ГебаІ-гІалара ара а даьлла, исраилхойн берхІитта эзар тур лелош волу тІемало, вийна, охьавиллира. 26ТІаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тІекхаччалц яа хІума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагІанаш а, бертан сагІанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха. 27-28Цу хенахь Делан деза тІорказ цигахь хилла. АхІаронан кІант волчу ЭлиІазаран кІанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гІуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тІамца дуьхьал довла дезий тхо?»
Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дІалур бу».
29Исраилхой ГебаІ-гІалина гонах кІело йина дІахІиттира. 30Церан эскар кхозлагІчу дийнахь, хьалха санна, ГебаІ-гІалахь бен-яманхошца тІом бан кийчча дІахІоьттира. 31Бен-яманхойн эскар, гІалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тІаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гІалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хІаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гІала а, ГебаІ-гІала а боьдучу новкъахь байира. 32Бен-яманхоша элира: «Уьш вайна хьалха, хьалха санна, охьаэгаш бу».
Ткъа исраилхоша элира: «ДІа а девдда, вай уьш гІалина гена баха беза, некъаш долчу агІор дІа а берзош». 33Исраилхойн эскаран коьрта дакъа, дІа а дедда, БаІал-Тамарехь дІахІоьттира. Ткъа кІело а йина Іаш болу исраилхой ГибаІ-гІалина малхбузехьа йолчу агІонгахьара чугІоьртира. 34Итт эзар тоьлла волу тІемало вара ГебаІ-гІалина тІелеттачу тобанна юкъахь. ТІом чІогІа луьра бара. Бен-яманхошна ца хаьара, шайна тІедогІуш дерг доккха вон дуйла. 35Везачу Эло эшадайтира исраилхошка бен-яманхойн эскар. Цу дийнахь исраилхоша бен-яманхойн эскарх вийнарг ткъе пхиъ эзар бІе стаг вара. Уьш массо а тур лелош болу эскархой бара. 36Бен-яманхошна хиира, шаьш эшийнийла. Исраилхойн эскар юхадаьллера, хІунда аьлча уьш ГебаІ-гІалина уллохь мостагІчунна кІело йина болу шайн эскархой тІелатаре сатуьйсуш хилла. 37КІело йина Іаш болчара, цІеххьана ГебаІа чу а бахана, цу гІалара мел волу вахархо шайн таррашца вийнера. 38КІело йина Іаш болчаьрца исраилхойн коьртачу декъо бина барт хилла: цара гІалара хьалабоьдучу кІуьраца хаам бан безара. 39Исраилхой тІом болчу меттера юхабевлча, бен-яманхоша ткъе итт стаг вийра. Цара бохура: «Юха а, хьалха санна, тхуна хьалхахь охьаоьгуш бу уьш». 40Эццахь гІалара кІур ирхъэха болабелира. Бен-яманхой юхахьаьжча, царна гира цІе яьлла йогуш йолу ерриг а гІала. 41Исраилхой, юхабуьйлучуьра совца а севцина, шайн мостагІех лата буьйлабелира. Ткъа бен-яманхой, шайна тІехІоьттинарг гича, кхерабелира. 42Уьш исраилхойн эскарх бевдда аренгахула дІабоьлхуш бара, амма церан кІелхьарбовла меттиг яцара. Исраилхоша уьш, шайн гІаланашкара ара а бохуш, бойура. 43Бен-яманхошна го а бина, исраилхоша уьш Нухьера дуьйна ГебаІ-гІалин малхбалехьа йолчу агІонга кхаччалц лаьхкина дІабигира. 44Бен-яманхойн эскарх волу берхІитта эзар тоьлла волу тІемало вийра цу дийнахь исраилхоша. 45ТІаьхьабиснарш, бевдда, яьссачу аренга, Римун цІе йолчу тархана улло, дІабахара. Цу новкъахула уьш бевдда дІабоьлхучу хенахь исраилхоша кхин а пхи эзар стаг вийра. Царна тІаьхьабевллачуьра ца совцуш, уьш ГадІама кхаччалц дІабахара. Цига дІакхачале, кхин а ши эзар стаг вийра цара. 46Цу дийнахь верриг а вийнарг ткъе пхиъ эзар тур лелош волу тоьлла бен-яманхо вара.
47Ялх бІе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дІа а вахана, цигахь беа баттахь Іийра. 48Ткъа исраилхой бен-яманхойн лаьтте юхабирзира. Цигара нах а, церан бежанаш а дойуш, шайн караеана йолу хІума а йохош, церан массо а гІаланаш ягош хІаллакйира.

 

21

 

Бен-яманхошна зударий балор

 

1Исраилхоша МицІпахь чІагІо йина хилла шайн зудабераш бен-яманхошка маре ца дахийта. 2Дерриг а халкъ, Бетал-гІала а деана, Далла хьалхахь сарралц чІогІа доьлхуш Іаш дара. 3Цара Деле элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! ХІунда хилла иза исраилхошна? ХІунда довш ду исраилхойн цхьа тайпа?»
4ШолгІачу дийнахь адам, Іуьйранна хьалххехь хьала а гІаьттина, сагІа доккху меттиг кечъян дІахІоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дохура. 5Цул тІаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хІокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хІунда аьлча доккха неІалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицІпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чІагІо а яра. 6Исраилан халкъо къинхетам бира шайн вежарий болчу бен-яманхойх. Цара элира: «Тахана исраилхойн цхьа тайпа дайна лара мегар ду. 7Оха Везачу Элана хьалха йина чІагІо ю, исраилхойн зудабераш бен-яманхошка маре дохуьйтур дац аьлла. Бисинчарна зударий мичара балор бу вай?»
8Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицІпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалІадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар. 9ХІора стаге хьожуш, чекхбевлира уьш. Царна ГалІадарчу Явешера цхьа а стаг цу гуламе веана цахилар гучуделира. 10Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тІе а дуьллуш: «ГалІадарчу Явеше а гІой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош. 11Кхин цхьа хІума а тІедуьллу оха шуна: хІора майрачуьнца Іийна йолу зуда а, зудчуьнца Іийна волу боьрша стаг а вийна дІаваккха. Амма йоІстагалла дохоза долу зудабераш дийна дита[10]». 12ГалІадарчу Явешехь царна йиъ бІе йоІстаг карийра. Уьш цара канаІанхойн лаьттахь йолчу Шилунан меттаматте схьабалийра.
13Цул тІаьхьа исраилхоша шайн геланчаш бахийтира Римун цІе йолу тарх йолчу гулбеллачу бен-яманхошна тІе машар дІакхайкхо. 14ТІаккха бен-яманхой шайн махка юхабирзира. ГалІадарчу Явешера дийна дитина долу зудабераш цаьрга маре дІаделира. Амма царна массарна а зударий ца тоьира.
15Исраилан халкъ къинхетам беш хилла бен-яманхойх, хІунда аьлча уьш Везачу Эло дІакъастийна хилла исраилхойн кхечу тайпанех. 16Исраилхойн къаноша элира: «Бен-яманхойн зударий байина. Вай хІун дан деза зуда ца кхочуш бисина болчу божаршна? 17Бисина болчу божарийн бераш хила деза, исраилхойн цхьа тайпа дуьнен чуьра дІа ца далийта. 18Амма вай вешан зудабераш цаьрга маре дахийта йиш йолуш дац. Уьш цаьрга ца бахийта вай йина чІагІо ю».
19ТІаккха цара элира: «ХІора шарахь Шилун-гІалахь хуьлуш Везачу Элана лерина деза де ду». (Шилун-гІала Бетал-гІалина къилбаседехьа а, Бетал-гІалара Шехеме боьдучу некъана малхбалехьа а, иштта Либуна-гІалина къилбехьа а лаьтташ ю.) 20Къаноша бен-яманхошка элира: «Даха а гІой, кемсийн бошмашкахь дІаловчкъа. 21ТІаккха тидам бе! Зудабераш халхарш дан арадевлча, кемсийн бошмашкара ара а довлий, хІораммо а шайна, катохий, шилунхойн йоІ схьа а эций, бен-яманхойн лаьтта юхадерза. 22Церан дай а, вежарий а тхо долчу арз дахьаш багІахь, оха цаьрга эр ду: „Тхан дуьхьа къинтІера довла бен-яманхошна, хІунда аьлча тІамехь вай схьа ца лецира царна хІоранна зуда. Шайн чІагІо йоха а ца еш, зудабераш дІа ца даларна шу бехке дац“».
23Бен-яманхоша, шайга ма-аллара, халхадуьйлуш хиллачу зудаберашна юкъара цхьацца йоІ дІайигира. Уьш, шайн лаьтта тІе дІа а бигна, шайна маре балийра цара. ГІаланаш юха метта а хІиттийна, уьш баха хевшира. 24Исраилан халкъ цигара хІора шайн тайпанашка а, шайн гаранашка а, шайн доьзалан лаьтта тІе а дІасадекъаделира.
25Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хІораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.

 

 

 

Рути

Рутих

 

лаьцна тептар

 

Дешхьалхе

 

Рутих лаьцна машаре дийцар Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманахь кхолладелла ду. Муабахо йолу Рути исраилхочуьнга маре йоьду. Майра велча, Рутис шен марнене болу къаьсттина боккха ларам а, исраилхойн Делах долу кІорггера тешар а гойту. Шен майрачун гергарчу нахана юкъара шена маре яха стаг караво цунна. И маре бахьана долуш Исраилан халкъан уггар сийлахьчу паччахьан Даудан дайн нана хуьлу цунах.
Мехкан куьйгалхойх долчу дийцар тІехь Делах дІабирзинчу нахана хиллачу вочу балхах лаьцна дуьйцу, ткъа Рутих лаьцначу дийцар тІехь, шен дин а хийцина, исраилхойн Далла тІе йирзинчу хийрачу махкарчу зудчун декъалхиларх лаьцна дуьйцу. Далла тешаме хиллачу халкъах дІакхетта Рути.

 

1

 

НуІмат а, Рути а.

 

1Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тІехь мацалла хІоьттинера. ТІаккха цхьа стаг ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара шен зудчуьнца а, шина кІантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара. 2Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. 3НуІматан цІийнда Элималик дІакхелхира, ткъа иза шен шина кІантаца йисира.
4Цу шина кІанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цІе Іарипат яра, ткъа вукхуьнан цІе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Іийра уьш. 5Цул тІаьхьа цуьнан ший а кІант, Махьлан а, Халин а, дІакхелхира. ТІаккха шен шина кІантах а, цІийндех а яьлла, и зуда ша йисира. 6Муаби-махкахь йолуш НуІматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуІмат Муаби-махкара шен цІа юхаерза кечъелира. 7Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхІуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь 8шен шина несе НуІмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цІа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна! 9Везачу Эло хІоранна а хІусам нисйойла шуна шайн цІийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуІмата.
Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хІиттира. 10ТІаккха цара элира: «ХІан-хІа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тІе а гІур ду».
11Амма НуІмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоІ! ХІун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кІентий, шуна майранаш хила? 12Юхаерза, дІагІо, сан ши йоІ! Со къанъелла хІинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Іийна, кІентий бича а, 13хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоІарий! Со чІогІа гІайгІанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».
14Ши нус маьхьарца юха а елха хІоьттира. ТІаккха Іарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дІакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира. 15НуІмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тІе а, шен деланашна тІе а. Хьайн кхинна тІаьххье дІагІо хьо а».
16Амма Рутис жоп делира:
«Ма гІертахьа со нуьцкъах хьайх къасто.
Хьо йоьдучу со а гІур ю.
Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю.
Хьан халкъ а сан халкъ хир ду.
Хьан Дела а сан Дела хир ву.
17Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю,
циггахь дІа а юллур ю.
Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц».
18Цо йина чІагІо шена гича, НуІмат и бертаяло гІертачуьра сецира. 19И шиъ Байтлахаме дІакхаччалц дІаихира. ХІорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тІедеара царна. «НуІмат яц хІара?» – бохура зударша.
20НуІмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуІмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хІара беза бала. 21Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хІунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»
22Иштта НуІмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.

 

2

 

Рутин а, БоІазан а довзар

 

1НуІматан цІийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоІаз цІе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара. 2Муабахочо Рутис элира НуІмате: «Со кха тІе гІур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тІехь лехьор ду ас кенаш».
НуІмата жоп делира: «Дика ду, сан йоІ».
3Кха тІе а яхана, маьрсхошна тІаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоІазан долахь долуш нисделлера. 4Оцу хенахь БоІаз Байтлахамера кха тІе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гІо дойла шуна!» – аьлла.
«Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.
5ТІаккха БоІаза маьрсхошна тІехІоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» – аьлла.
6Маьрсхошна тІехІоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХІара жима зуда муабахо ю, НуІматца Муаби-махкара еана йолу. 7ХІокхо дехнера тхоьга, цІевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла[1]. Са тесначхьана еана, хІинццалц кхузахь ю хІара. Кху тхов кІел хІинцца бен ца еана хІара».
8БоІаза элира Рутига: «ЛадогІал, сан йоІ! Кхечу нехан декъа тІе кенаш лехьо а ма гІо, кхузара дІа а ма яла, сан ялхой-зударшца хІокху меттехь а хила. 9Марс хьокху хІара сан кха бен ма гойла хьан бІаьргашна, гІо хьо цаьрца маьрсхошна тІаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тІедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».
10Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»
11«Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цІийнда веллачул тІаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тІееана хьо. 12Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тІома кІел хьо ларъяйта еанчу хьан!» – жоп луш, элира БоІаза.
13«Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, – элира Рутис, – хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».
14Делкъе йо хан тІееача, БоІаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хІума яа, муьста чагІар чу бепиг а Іуттуш».
Рути маьрсхошна юххе охьахиира. ТІаккха БоІаза цуьнга кхерзина буьртигаш кховдийра. Ткъа Рутис уьш даа а диира, и юза а юьзира, цуьнгахь кхин а буьртигаш а дисира. 15ХІара кенаш лехьо йоьлча, БоІаза юха а шен ялхошна тІедиллира Рутина цІевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.
16«ЦІевнаш тІера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» – аьлла, буьйр дира цо.
17Иштта сарралц кха тІехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира. 18Иза схьа а эцна, гІала цІа яхара Рути. ТІаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хІума юуш юьзча йитинарг шен тІоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.
19«Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» – элира НуІмата.
Рутис дІадийцира шен марнене, ша хьенан кха тІехь болх бинера. «Ас тахана кха тІехь болх бинчун цІе БоІаз ю», – элира цо.
20«Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоІаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Іалаш а деш, вайна гІо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас.
21«Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», – аьлла, дІахаийтира Рутис.
22ТІаккха НуІмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоІ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тІехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».
23Иштта БоІазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Іийра Рути.

 

3

 

Рути а, БоІаз а хьаьттахь

 

1ТІаккха Рутига цуьнан марнана йолчу НуІмата элира: «Сан йоІ, хьо дІатаръярхьама, цхьа хІусам лехча хІун дара-те ас? 2И БоІаз а вайн гергара стаг ву. Цуьнан ялхошца бина ахь болх. Иза тховса хьаьттахь, мохехь мукх цІанбеш хир ву. 3ЦІан а лой, хьайн дегІах хаза хьожа йогІу хІума а хьакхий, хьайна тІе уггар хаза йолу бедарш а юхий, хьаьтта гІо, амма и хІума йиъна а, мелла а валлалц, цунна гучу ма яла. 4И дІавижча, иза мича метте вижна а хьажий, яха а гІой, цунна тІетесна йолу хІума хьала а айий, цуьнан когашка дІайижа. ТІаккха цо ша эр ду хьоьга, кхин дІа ахь хІун дан деза».
5«Ахь бохург дерриге а ас кхочуш дийр ду», – элира Рутис.
6ТІаккха иза хьаьтта а яхара, дерриге а шен марнанас тІе-ма-диллара, кхочуш а дира цо. 7БоІаз йиъна а, мелла а, шен дог тедина а ваьлла, вахана мекхан борзана юххехь дІавижира. Ткъа хІара, меллаша тІе а яхана, цунна тІетесна йолу хІума хьала а айина, цуьнан когашкахь дІатевжира. 8Буьйсанна юккъехь, набарха цІеххьана вегийна, БоІаз хьалаайавелча, шен когашкахь йижина Іуьллуш цхьа зуда карийра цунна.
9БоІаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?»
«Со хьан лай йолу Рути ю-кх, – жоп делира зудчо, – Хьо со Іалашъеш, суна гІо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хІусамехь, хьайн юргІана кІелахь йитахьа со».
10«Дала декъала йина-кх хьо, сан йоІ! ХІара хьайн марнанна дина гІуллакх хьалха мел диначул а оьзда дина ахь. Хьо кегийчех я мисканаш, я хьалдерш а ца къестийра ахь. 11ХІинца, сан йоІ, ма кхера хьо! Ахь дехнарг чекхдоккхур ду ас, хьо оьзда зуда хилар массарна а хаьа дела. 12Амма бакъду, со хьо Іалашъян а, хьуна гІо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш. 13Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц».
14БоІазан когашкахь сахиллалц Іийра Рути. Шаьшшиннан яххьаш вовшашна къастале, сатасале хьалагІаьттира Рути. ТІаккха БоІаза элира цуьнга: «Цхьаьнгге а ма тосадалийта кхуза хьо еана хилар».
15Юха БоІаза элира Рутига: «Схьалаца хьайн йовлакх».
Рутис йовлакх схьалецира. БоІаз, цунна ялх барам мукх а белла, иза цунна ги а тесна, гІала вахара. 16Ткъа Рути марнана йолчу яхара. Марнанас хаьттира цуьнга: «Хьайчух хІун хилира, сан йоІ?»
Оцу стага шена динарг дерриге а марнене дІадийцира Рутис: 17«ХІара ялх барам мукх а белла, цо элира соьга: „Хьайн марнанна тІе даьссачу куьйгашца ма гІо“».
18НуІмата элира: «ХІара гІуллакх чекх муха долу хаъалц, собар де ахь. И стаг Іийр вац и гІуллакх тахханехь чекх ца доккхуш».

 

4

 

БоІаза Рути йигар

 

1ГІала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоІаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хІеттахь тІехволуш. ТІаккха БоІаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира. 2Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоІаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира. 3ТІаккха оцу гергарчу стаге элира БоІаза:
«Муаби-махкара цІа йирзинчу НуІмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду. 4Хьоьга иза дІахазийта сацам бина ас. ХІара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дІаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тІаьхьа эца йиш ерг со ву».
Вукхо ша оьцу элира.
5ТІаккха БоІаза дІахаийтира цуьнга: «Нагахь НуІматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
6«Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тІеэцахь иза», – элира гергарчо.
7Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Іедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чІагІбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чІагІдар санна хилла Исраил-махкахь. 8Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».
9ТІаккха БоІаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХІинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хІума ас НуІматера схьаэцар. 10Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цІартІехь дитархьама а, цуьнан цІе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».
11ТІаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх.
Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна,
хьан керта йогІуш йолу и зуда.
Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ.
Беркат догІийла хьан цІенна тІе Эпратехь.
ЦІе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.
12Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тІаьхье бахьана долуш,
Тамарас ЯхІудана винчу Парасан доьзал санна,
хуьлийла хьан доьзал».
13БоІаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кІант а вира. 14-15Зударша НуІмате бохура: «Хастам бу Везачу Элана! Цо ца йити хьо, йоккха хилча, Іалашъян а, гІо дан а стаг воцуш. ЦІе йоккхуш стаг хуьлийла цунах Исраил-махкахь. Хьан дог доккха дийр ду хІокху кІантах, ворхІ кІантал а тоьлуш йолчу, хьо езаш а йолчу, хьан несо и вина дела».
16И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуІмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза. 17Лулахоша Іабади аьлла, цІе а тиллинера цунна. «НуІматан кІант ву-кх хІинца», – олура цара.
И Іабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара. 18ХІара ю Парасан тІаьхье: Парасан хилира кІант Хьацрани. 19Хьацранин хилира кІант Рам. Раман хилира кІант Іамминадаб. 20Іамминадабан хилира кІант Нахьшон. Нахьшонан хилира кІант Салман. 21Салманан хилира кІант БоІаз. БоІазан хилира кІант Іабади. 22Іабадин хилира кІант Юшай. Юшаян хилира кІант Дауд.

 

 

 

Шамъал

Паччахьаллех лаьцна хьалхара тептар:

 

Шамъал а, Шаул-паччахь а

 

Дешхьалхе

 

Хьалхалерчу заманахь мехкан куьйгалхоша олалла дора Исраил-махкахь, цул тІаьхьа бен паччахьаша олалла дан ца доладелира. Паччахьаллийн гІуллакхийн хьалхарчу тептар тІехь цхьана олаллин кепера вукху олаллин кепе хьал хийцаран заманах лаьцна яздина ду. Исраил-махкахь и хийцар дукхахьолахь кхаа стагах доьзна хилла: мехкан куьйгалхойх тІаьххьарниг волчу Шамъалах а (1:1–7:17), Исраилан халкъана тІехь хьалхара паччахь волчу Шаулах а (8:1–15:35; 31:1-13), Дауд-паччахьах а (16:1–30:31). Ткъа Дауд-паччахь хилале хьалха цунах лаьцна хилла долу дийцарш Шамъалах а, Шаулах а долчу дийцаршца доьзна ду.
ДІаяханчу заманашкахь хиллачух лаьцна долчу товратан дийцаршкахь санна, тептаран коьрта ойла иштта ю: Далла тешаме хиларо кхиам ло, ткъа Цунна муьтІахь ца хиларо бохам бо. И кхаъ шеко йоцуш бовзийтина 2-чу коьртан 30-чу аятахь Везачу Эло динан да волчу Іелига иштта аьллачу дешнашкахь: «Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву».
Тептар тІехь паччахьаш дІахІотторх лаьцна дІаязйина иэйина ойланаш ю. Везачу Элана Ша Исраилан халкъан бакъволу Паччахь санна хетара, амма, наха динчу дехарна жоп луш, Везачу Эло царна цхьа паччахь къобалвира. Делахь а, паччахьна а, халкъана а тІехь Дела ву – Иза царна тІехь олалла Дийриг а, кхел Йийриг а хуьлу (2:7-10). Делан хьехамашка хьаьжжина, массо а нехан бакъонаш ларъян езара, стаг хьал долуш я къен велахь а.

 

1

 

Элкханах а, цуьнан доьзалх а лаьцна

 

1Эпрайман лаьмнаш тІехь Іуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь[1] Іаш хилла Элкхан цІе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цІе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихІун кІант хилла, ЭлихІун да ТІохьа хилла. Ткъа ТІохьа эпратхо волчу Цупин кІант хилла. 2Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цІе Хьанат яра, вукхун цІе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла. 3ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана[2] лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний. 4Ша, сагІа а даккхийтина, цІа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагІин дакъа луш хилла. 5Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хІунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а[3]. 6Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама. 7И сурт Паннанас цунна хІора шарахь хІоттадора, Хьанат Везачу Элан цІа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тІехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хІума ца йоура. 8Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хІунда йоьлху? Ахь яа хІума хІунда ца йоу? Хьан дог стенна Іийжаш ду? Со хьуна итт кІантал ца тоьлу?»

 

Хьаната Деле доьху

 

9Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хІума йиъна а, мелла а девллачул тІаьхьа, Хьанат хьалагІаьттира. Динан да волу Іела Везачу Элан цІийнан неІсагІи тІехь Іаш вара. 10Хьанат, чІогІа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра. 11Цо шен доІанехь нигат дира:
«Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла!
Тидам бехьа сан деган лазаме!
Со хьайна дагаяийтахьа!
Йиц ма ехьа!
Ахьа суна божабер лахь,
аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду.
Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».
12Дехха доІа дира Хьаната. Цу хенахь Іела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара. 13Иза шен дагахь доІа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Іелина иза мелла ю моьттира. 14Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!»
15Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагІар а, я йий[4] а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дІабелхош ю. 16Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доІа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу».
17Іелас цуьнга элира: «Марша гІойла хьо. Исраилан Дала хьан доІанна жоп лойла».
18Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дІаяхара. Цо яа хІума а йоура, хІинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза.

 

Шамъал дуьнен чу валар а, иза Везачу Элана дІавалар а

 

19Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. 20Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тІекхаьчча, цо кІант вира, цуьнан цІе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цІе цунна тиллар и кІант Хьаната Деле вехар дара.
21Шен доьзалца хІора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагІа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан. 22Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КІант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дІавуьгур ву цига, Везачу Элана дІа а лур ву, массо а ханна цигахь Іайта».
23Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦІахь Іан мегар ду хьуна, кІант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тІеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цІахь Іийра, кІант вакхочуьра ваккхалц.
24Иза вакхочуьра къастийначул тІаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дІайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана[5] а, кхо сахь дама а, цхьа пІаьлдиг чагІар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цІа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кІант а валош. 25Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Іела волчу шайн кІант схьавалийра дас-нанас. 26Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хІоккхуза дІа а хІоьттина, Везачу Эле доьхуш доІа деш хилларг со хилар. 27ХІара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш. 28Аса хІара кІант Везачу Элана дІало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гІуллакх деш хир ву хІара».
Цо цигахь Везачу Элана Іибадат дира.

 

2

 

Хьанатан доІа

 

1Ша доІа деш Хьаната элира:
«Сан дог Везачу Элах доккхаде!
Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина!
Ахьа со кІелхьаръяккхарх йоккхаеш,
со сайн мостагІех йоьлу.
2Везачу Элал веза цхьа а вац,
Хьох тераниг дуьнен чохь а вац!
Чхаро санна, адам Іалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац.

 

3Деза детташ, къамелаш ма де,
ма ала кІоршаме дешнаш!
Веза Эла массо а хІума гуш ву.
Нехан массо а гІуллакхашна нийсонца тІе а хьожу.
4Ницкъболчеран секхаІад кагло!
ЭгІаза верг ницкъ болуш хуьлу.
5Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу,
меца лелларш, буьзна, садоІуш бу.
Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до,
ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю.
6Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу,
стаг Іожалле дІа а хьажаво, веллачуьра ден а во.
7Везачу Эло цхьаьнга къелла кховдайо, вукхуьнга хьал ло,
цхьаннан цІе йожайо, вукхуьнан хьала а йоккху.
8Везачу Эло къен верг чена юккъера хьалаайаво,
овкъарш юккъера мисканиг схьавоккху.
Иза хьалдолчаьрца нийсса дІахІоттаво,
цаьрга паччахьаллин сийнна шерет[6] дойту.

 

Дуьненан бух Везачу Элан ма бу,
цу тІехь Латта ДІахІоттийнарг а Иза ву.
9Везачу Эло шен нехан лар Іалашйо,
хьарамалла лелорш хІаллакбо,
уьш боданехь къайла а бохуш.

 

Церан ницкъ хиларх пайда бац,
и ницкъ цаьргара шайгара бен бацахь.
10Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу,
стигалара схьа царна оьгІазло а еш.
Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю.

 

Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду,
Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу».
11Элкхан доьзалца Раме юхавирзира, ткъа Шамъал динан да волчу Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш Іийра.

 

Іелин кІенташа летийна къинош

 

12Іелин кІентий чІогІа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, 13я динан дайша нахаца лелон езаш йолу юкъаметтиг а ца хаьара царна. Цхьаммо, сагІа а даьккхина, жижиг кхехкочу хенахь, динан ден жима гІоьнча, шен кхо маІа йолу мІара а бахьаш схьа а вогІий, 14яй чу, я ялгІу чу, я кеда чу иза а Іуттий, цу чуьра тІейогІаелларг схьа а оьций, дІавоьдура. Иштта «гІиллакх» хІоттадора цара массо а Шилуне вогІуш волчу исраилхочуьнца. 15Везачу Элана лерина долу махьаран даьтта дагадале, динан ден жимачу гІоьнчас, схьа а вогІий, цІий доккхуш волчуьнга олура: «Динан дена кхарза жижиг ло. Цо хьоьгара кхехкийна жижиг схьаоьцур дац, соьга буьйданиг ло».
16Нагахь санна цхьаммо шега: «Цкъа собар де махьаран даьтта дагийна даллалц, цул тІаьхьа хьур ду ахьа хьайн даго ма-бохху жижиг» – аьлча, цо олура: «ХІинца схьало. Ахьа ца лахь, аса нуьцкъала схьадоккхур ду хьоьгара иза».
17Цу кегийчу наха Везачу Элана хьалха чІогІа доккха къа латийнера, хІунда аьлча цара шаьшшиъ Везачу Элана сагІа даккхарх ца вешийла гойтура.

 

Шамъал Шилунехь

 

18Шамъала Шилунехь ша Везачу Элана гІуллакх деш волчу хенахь, динан дайша лелон езаш йолу ийпад цІе йолу бедарш тІеюхура. 19Леррина тІехула йоьхна лелош йолу бедарш цунна шен нанас, тега а тоьгий, хІора шарахь яхьаш хилла, иза шен майрачуьнца сагІа даккха йогІуш. 20Іелас, Элкханний, цуьнан зудий декъал а деш, олура: «Везачу Эло кхин а бераш лойла шуьшинна хІокху аша Везачу Элана дІавеллачу кІантана дуьхьал». И шиъ шайн цІа доьдура. 21Веза Эла Хьанатана тІехьаьжна хилла: цо кхин а кхо кІант а, ши йоІ а йина. Ткъа церан кІант Шамъал Везачу Элана уллохь воккха хуьлуш хилла.

 

Іелига цуьнан кІенташа ла ца дугІу

 

22Іела чІогІа къена вара. Цунна хезаш дара шен кІенташа массо а исраилхошка хІоттош дерг а, уьш Везачу Элан деза четар лаьттачу кертахь гІуллакх деш болчу зударшца лела бохуш дерг а. 23Цо цаьрга элира: «ХІунда лелабо аша и болх? Массо а нахера суна шух лаьцна вониг хеза. 24Сан бераш, суна шух лаьцна хезаш дерг вон хабар ду. Везачу Элан лаамехь долчу халкъо шух лаьцна вониг дуьйцу. 25Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хІотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тІе мила хІуттур ву?»
Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугІура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. 26Ткъа Шамъал воккха хуьлуш вара, шех Везачу Элан а, нехан а бІаьрг бузуьйтуш.

 

Іелин доьзалх лаьцна Делера хаам бар

 

27Іела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цІенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирІунан цІа чохь леш болчу хенахь? 28Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? 29ХІунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагІанийн дакъошна тІе когаш, Аса Сайн цІенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагІанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кІентий буза а беш, ахьа Со дІатеттина“».
30Цул тІаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цІа а, хьан ден цІа а массо а хенахь Сан бІаьргашна хьалха гІуллакх деш хир ду“. Амма хІинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву. 31ТІейогІур ю Аса хьан массо а тІаьхье хІаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тІекхаччалц вехар вац. 32Исраилан мохк толуш дІагІур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. 33Сайн кхерчан уллора массо а дІавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бІаьргаш бІарздаллалц, цуьнан гІора дІадаллалц. Хьан мел йолу тІаьхье гІеметтахІоьттинчу хенахь лийр ю. 34Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тІекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кІант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. 35Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. 36Хьан цІийнах мел виснарг цунна корта тоха вогІур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».

 

3

 

Дала Шамъале тІекхойкху

 

1Кхиъна вогІуш волу Шамъал Іелина уллохь Везачу Элана гІуллакх деш вара. Цу деношкахь Делера хаам нахе наггахь бен хуьлуш бацара, Делера долу сурт а наггахь бен ца хІуттура. 2Цхьана буса Іела шен меттахь вижина Іуьллуш вара. ТІаьхьарчу хенахь цуьнан бІаьргаш телхина догІуш дара, цундела цунна хІумма а ца гора. 3Сатасале, богуш болу Делан къуьда дІабаза болчу хенахь, Шамъал Везачу Элан дезачу четар чохь вижина Іуьллуш вара. Цу четар чохь лаьтташ Делан деза тІорказ а дара. 4Веза Эла Шамъале кхайкхира. Цо жоп делира: «Кхузахь ву со!» 5Ведда Іела волчу а вахана, цо элира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»
Амма Іелас элира: «Со хьоьга ца кхайкхира. Вало, дІавижа».
Шамъал, дІа а вахана, дІавижира. 6Веза Эла юха а цуьнга кхайкхира. Иза шолгІа а, Іела волчу схьа а веана, вистхилира: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»
Амма вукхо элира: «Сан кІант, со хьоьга ца кхайкхира. ДІа а гІой, дІавижа». 7Шамъална цу хенахь Везачу Элан аз ца девзара, хІунда аьлча Цуьнан дош Шамъална схьа ца делладеллера.
8КхозлагІа а Веза Эла Шамъале кхайкхира. Иза юха а, хьала а гІаьттина, Іела волчу а веана, вистхилла: «Со кхузахь ву. Хьо соьга кхайкхирий?»
ТІаккха Іелина хиира, кІанте кхойкхуш Верг Веза Эла вуйла. 9Іелас Шамъале элира: «Юха а, дІагІой, дІавижа. Нагахь санна хьайга юха а цхьаммо кхайкхахь, цуьнга ала: „Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугІуш ву“».
Шамъал, шен метте дІа а вахана, дІавижира. 10Веза Эла, схьа а веана, дІа а хІоьттина, хьалха санна кхайкхира: «Ва Шамъал!»
Шамъала элира: «Вистхила, Веза Эла, Хьан лай Хьоьга ладугІуш ву!»
11Везачу Эло Шамъале элира: «Аса Исраилан махкахь цхьа хІума дийр ду, и шена хезначун шинна а лерга чу зов догІур ду. 12Цу дийнахь Аса Іелин доьзална тІехь Айса мел аьлларг кхочушдийр ду. Аса иза дІа а долор ду, чекх а доккхур ду. 13Аса цуьнга аьлла ду, цуьнан цІенна тІехь массо а тІейогІучу ханна таІзар дийр ду аьлла, хІунда аьлча цо шен кІенташа лелош долчу къинойх лаьцна а, цара лелош долчу дастамечу хІуманех лаьцна а шена хуъушехь, уьш саца ца бина дела. 14Аса чІагІо йо, цуьнан цІенна тІехь долу къинош муьлхха а тайпана даьккхинчу сагІанаша дІадохур дац аьлла».
15Шамъал Іуьйре тІекхаччалц вижина Іиллира. Ша хьалагІаьттинчул тІаьхьа, цо Везачу Элан четаран неІ дІайиллира. Иза ца хІуттура Іелига шена буьйсанна хезнарг дІадийца. 16Амма Іелас кхуьнга ша дІакхайкхира: «Сан кІант Шамъал!»
Цо элира: «Со кхузахь ву».
17ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». 18Цхьа а хІума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дІадийцира. ТІаккха Іелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!»
19Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира. 20Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар. 21Шен дашехула Ша вовзуьйтуш, Шилунехь Шамъална дуьхьалвогІура Веза Эла.

 

 

4

 

1ТІаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура.

 

Везачу Элан тІорказ йийсаре дуьгу

 

Цу заманчохь исраилхой пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Іазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пІелаштамхой Апакх олучу гІалина уллохь севцина. 2Исраилхошна дуьхьал лата дІахІиттинера пІелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПІелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара. 3Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хІунда белла техьа пІелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагІийн куьйгех кІелхьара а дохур ду». 4Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий. 5Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гІовгІа яьккхира, дерриг латта а дегош. 6И баккхийберан мохь шайна хезча, пІелаштамхоша элира: «Іебархойн агІонехь ма чІогІа маьхьарий хьоькху. И хІун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тІорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла. 7ПІелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хІума хьалха цкъа а ца хилла! 8Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таІзарш деш, мисархой хІаллакбина яьссачу аренгахь. 9ЧІагІ а лой, майра хила, пІелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Іебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!»
10Уьш чІогІа летира, исраилхой эша а беш. ХІора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цІа вахара. Исраилхой чІогІа эшийра цу тІамехь, ткъе итт эзар гІашло вен а вуьш. 11Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира.

 

Іелин валар

 

12Оццу дийнахь цхьа бен-яманхо, тІом болчуьра ведда, Шилуне кхечира. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІехь чан яра. 13Іела гІали чу воьдучохь лаьтташ долчу кевнан неІарехь хиъна Іаш вара, хьоьжуш. Цуьнан дог, Делан тІорказах хІун хилла ца хууш, лозуш дара. Веанчу цу стага тІамехь долу хьал дийцича, массо а стаг велха дІахІоьттира. 14Шена и белхар хезча, Іелас хаьттира: «И хІун гІовгІа ю?» Цу стага, тІе а веана, шадерг а дІадийцира. 15Цу хенахь Іелин дезткъе берхІитта шо дара. Цуьнан бІаьргаш, са ца гуш, кхоьлина дара. 16Цу стага цуьнга элира: «Со меттаматтера схьавеана. Тахана тІом болчуьра ведда со».
Іелас цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь, жима къонах?»
17Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пІелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кІант велла. Делан тІорказ мостагІийн карахь ду».
18Цо Делан тІорказ хьахошшехь, Іела ша Іаш волчу гІанта тІера аркъал охьавуьйжира. Вортанан даьІахк каг а елла, иза велира. Цуьнан кхалхар иштта сиха хилира, иза чІогІа къена а, дегІана веза а волу дела. Иза шовзткъа шарахь Исраилан мехкан куьйгалхо хилла Іийна ву.

 

Пайнехьасах йиснарг ялар

 

19Іелин нус, Пайнехьасан зуда, кестта бер дан дезаш яра. Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахнийла а, шен мардай, майрий веллийла а хиъча, иза ца лайна, зуда берах хьовзийра. Дукха хан ялале, цо бер дира. 20Иза лечу хенахь, цунна тІехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кІант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара. 21«Везачу Элан сий Исраил-махкара дІадаьлла», – аьлла, цо шен кІентан цІе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цІе кІантана. 22Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела».

 

5

 

Делан тІорказо пІелаштамхошна зе до

 

1Делан деза тІорказ йийсаре а дигна, пІелаштамхоша иза Абани-Іазарера Ашдод-гІала схьадеара. 2Цара деза тІорказ, схьа а эцна, шайн дела волчу ДагІонан цІа чу диллира. Цара иза ДагІонан суьртана уллохь охьахІоттийра. 3ШолгІачу Іуьйранна ашдодхой самабевлча, царна гира ДагІонан тІулгах дина долу сурт Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш. Хьала а айдина, ДагІонан сурт цара ша хиллачу дІахІоттийра. 4Вукху Іуьйранна нах самабевлча, царна гира Везачу Элан тІорказна хьалха бертал Іуьллуш долу ДагІонан сурт, цуьнан корта а, ший а куьг а, схьа а даьккхина, неІсагІи тІехь Іуьллуш. Дохоза дегІан гІад диснера. 5И бахьана долуш таханлера де тІекхаччалц я динан дай а, я кхиболу нах а, Ашдод-гІаларчу ДагІонан цІа чу шаьш баьхкича, цкъа а неІсагІи тІе ца бовлу. 6Везачу Эло дуьне гатдинера ашдодхошна. Уьш эшош таІзар дора Цо царна, дегІа тІе хІуманаш юьйлуьйтуш, Іазап хьоьгуьйтура. И хьал Цо Ашдод-гІалахь хІоттийна а ца Іаш, цунна уллохь йолчу яртийн бахархошка а хІоттийнера. 7Шайна и сурт гича, ашдодхоша элира: «Исраилан Делан деза тІорказ вай долчохь кхин дита йиш яц! Цо даккхий зенаш хуьлуьйту вайна а, вайн дела волчу ДагІонна а». 8Цара, пІелаштамхойн мел волу куьйгалхо схьа а гулвина, хаьттира: «ХІун до вай Исраилан халкъан Делан дезачу тІорказна?»
Вукхара элира: «Вай и тІорказ Гати-гІала дІадахьа деза».
Цара иза Гати-гІала дІадаьхьира. 9Иза цига дІа-ма-даьхьнехь, Везачу Элан куьг цига а кхечира. Нах чІогІа инзарбохуш, царна тІе доккха Іазап хІоьттира, массеран а дегІа тІе ирча хІуманаш евлира, воккха-жима ца къастош. 10Цул тІаьхьа цара Делан тІорказ Іекхран-гІала дІадаьхьира. Амма иза цига дІадаьхьча, цу гІалара бахархой чІогІа боьхна хьаьвзира. Цара бохура: «Тхо долчу исраилхойн Делан тІорказ схьадеана тхо а, тхан гІала а хІаллакьян». 11ТІаккха цара, массо а пІелаштамхойн куьйгалхо схьа а гулвина, элира: «Исраилан мехкан Делан деза тІорказ ша хиллачу дІадахьийта, цо вайн мохк а, вайн адам а хІаллакдале!» Іекхран-гІалара бахархой чІогІа кхерабелла хилла, хІунда аьлча церан дахар цу хенахь чІогІа эрчадаьлла хилла дела. 12Байаза бисинарш дегІа тІехь хІуманаш евлла хилла. Адаман белхар стигала хьалакхочура.

 

6

 

Везачу Элан тІорказ юхадерзадо

 

1ВорхІ баттахь латтийна пІелаштамхоша Везачу Элан тІорказ шаьш долчохь. 2Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХІун до вай Везачу Элан дезачу тІорказна? ХІара шен махка дІа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!»
3Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тІорказ дІадахьийта гІерташ делахь, иза ша ма-дарра дІа ма дахьийта: аша сагІа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТІаккха хуур ду шуна, Цо шайна таІзар хІунда дина».
4Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагІа даккхар муха хила деза?»
Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пІелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цІарах пхиъ, дегІа тІехь яьлларг санна, дашо хІума а, пхи дашо дахка а бан беза, хІунда аьлча шуна дина долу таІзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу. 5ДегІана тІе яьлла йолу пхи дашо хІумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тІера а, шун делашна тІера а, шун лаьтта тІера а дІадаккха мега шуна. 6Шайн дог хІунда чІагІдо аша, мисархоший, пирІуной санна. Дала шайна таІзар диначул тІаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дІадаха пурба. 7Керла ворда а яй, хІинцца бехкина болу, цкъа а дІабоьжна боцу ши етт цу ворданах дІабожа, ткъа церан эсий цІа дига. 8Везачу Элан тІорказ цу ворданна тІе хІоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагІина кечйина йолу дашо хІуманаш цхьана гІутакх чу агІонгахь охьа а яхкий, ворда дІа а хеций, дІаяхийта. 9Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дІа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дІайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таІзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а».
10Цара иштта дира: хІинцца бехкина болу ши етт ворданах дІа а боьжна, церан эсий цІахь дитира. 11Цу ворданна тІе Везачу Элан тІорказ а хІоттийна, дашо хІуманаш а, дашо дехкий а чохь долу гІутакх цу тІе хІоттийра. 12Ши етт нийсса Байт-Шамаше боьдучу новкъа дІабахара. Іеха а Іоьхуш, цхьанхьа дІа-схьа а ца хьаьвзаш, дІабоьдуш хилла ши етт. Ткъа пІелаштамхойн куьйгалхой, цу ворданна тІаьхьа а хІиттина, Байт-Шамаше кхаччалц дІабахара.
13Цу хенахь Байт-Шамашера бахархой тогІи чохь Іуьллучу аренгахь кІа хьокхуш бара. ДІахьаьжча, царна гира Везачу Элан деза тІорказ. Шайна и гича, чІогІа хазахийтира царна. 14И ворда байт-шамашхо волчу ЮшаІан аренгахь боккхачу тІулгана уллохь сецира. Байт-Шамашерачу бахархоша, и ворда йоха а йина, цунах дечиг даьккхира. ТІаккха, и ши етт цІарца бага а беш, Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира. 15Иза шаьш дале хьалха Леви цІе йолчу тайпанан наха Везачу Элан тІорказ а, дашо суьрташ чохь долу гІутакх а вордана тІера охьа а даьккхина, боккхачу тІулга тІе охьахІоттийнера. Байт-Шамашерачу бахархоша цу дийнахь Везачу Элана лерина долу дагоран а, кхидолу а сагІанаш дехира. 16ПІелаштамхойн пхеа куьйгалхочунна и мел дерг а гира. Оццу дийнахь Іекхран-гІала юхабирзира уьш. 17ПІелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагІина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гІалин цІарах, важа – Іази-гІалин цІарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гІалин цІарах, кхин цхьаъ – Гати-гІалин цІарах, ткъа кхин цхьаъ – Іекхран-гІалин цІарах. 18Ткъа дашо дехкий хІора пІелаштамхойн гІалин куьйгалхочун цІарах хилла ца Іаш, хІора чІагІйинчу гІалин цІарах а, дІайиллина лаьттачу яртийн а цІарах дара. Везачу Элан деза тІорказ тІехІоттийна хилла болу тІулг хІинца а байт-шамашхо волчу ЮшаІан аренгахь Іуьллуш бу, цигахь хиллачунна тоьшалла а деш. 19Байт-Шамашерачу бахархошна Дала чІогІа таІзар дира, уьш Везачу Элан дезачу тІорказ чу хьаьжна аьлла. Цо кхузткъе итт стаг[7] вийна хилла и бахьана долуш. Цу тайпана чІогІа таІзар Везачу Эло шайна дича, адам дилхира. 20Байт-Шамашерачу бахархоша элира: «Везачу Элана хьалха латта мила хьакъ ву? Иза Сийлахь Дела ма ву! Вай долчуьра хьанна тІе хьур ду Везачу Элан деза тІорказ?»
21Кхиръят-ЯІарим цІе йолчу гІала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПІелаштамхоша Везачу Элан тІорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дІахьо», – аьлла.

 

 

7

 

1Кхиръят-ЯІарим-гІаларчу бахархоша Везачу Элан деза тІорказ, схьа а эцна, гуна тІехь лаьтташ долчу Абинадабан цІа чу схьадеара. Цул тІаьхьа цуьнан кІант ЭлиІазар Везачу Элан тІорказна дола дан къобалвира.

 

Шамъала Исраилан махкахь куьйгалла до

 

2И деза тІорказ Кхиръят-ЯІариме кхаьчна дуккха а хан елира – ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара. 3Шамъала дерриге а Исраилан халкъе элира: «Шу доггах Везачу Элана тІедерзахь, аша кхечу къаьмнийн деланаш шайн дага чуьра дІабаха беза. Аша Іаштарт цІе йолчу далла бина болу цІуш дІабаха беза. Шайн дегнашца шу Везачу Элана тІедерза, Цунна цхьанна гІуллакх а де. ТІаккха Цо шу пІелаштамхойн баланех кІелхьардохур ду». 4Исраилхоша БаІалан а, Іаштартан а цІуш дІабехира. Уьш Везачу Элана бен гІуллакх а ца деш дІабуьйлабелира.
5Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доІанна тІехь шу доьхур ду». 6Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна».
Шамъал МицІпа-гІалахь царна юкъахь кхел еш вара.
7Шайна исраилхой МицІпа-гІалахь гулбеллийла хиъча, пІелаштамхой, шайн куьйгалхой коьртехь а болуш, исраилхошна тІелата кечбелира. Иза шайна дІахиъча, исраилхой чІогІа кхерабелира. 8Цара Шамъале дехар дира: «Вайн Везачу Деле хьайн доІанна тІехь, тхо пІелаштамхойх кІелхьардаха бохуш, доьхучуьра саца ма сацахьара хьо!» – аьлла. 9Шамъала, бекхачуьра къастоза болу Іахар схьа а эцна, цунах Везачу Элана лерина долу сагІа даьккхира, Исраилан халкъана гІо доьхуш. Цуьнан доІа Везачу Элана дІахезира. 10Шамъала сагІа доккхучу хенахь пІелаштамхой исраилхошца тІом бан баьхкира. Амма Везачу Эло пІелаштамхошна тІехь чІогІа стигал къовкъийра, уьш инзар а бохуш. Цуьнан гІоьнца уьш исраилхоша эшийра. 11Цара пІелаштамхой МицІпа-гІалара лаьхкина, хІаллакбеш, Байт-Кара кхаччалц дІабигира. 12Цул тІаьхьа Шамъала, тІулг схьа а эцна, иза МицІпаний, Шан-юртаний юккъе охьабиллира. Цу тІулган цІе Абани-Іазар тиллира цо (иза «гІо ден тІулг» бохург ду). Шамъала элира: «Везачу Эло хІокху метте кхаччалц вайна гІо дина». 13Иштта дІатебина хилла пІелаштамхой. Уьш кхин Исраилан махкана тІелата оьхуш а ца хилла. Шамъалан куьйгалла исраилхошна тІехь мел ду, Везачу Эло пІелаштамхошна тІера Шен куьг дІадоккхуш ца хилла. 14Исраилхоша Іекхрана тІера дуьйна Гати-гІалина тІе кхаччалц Іохкуш йолу шайн гІаланаш а, царна гонахьара меттигаш а схьаехира пІелаштамхошкара. Исраилхошний, эмархошний юккъехь машар дІахІоьттира.
15Ша мел веха Шамъал Исраилан мехкан куьйгалхо хилла лелла. 16ХІора шарахь, махкахула волалой, Бетал-гІала а, Галгала а, МицІпа-гІала а кхочуш хилла иза. Цу массо а меттигашкахь исраилхошна юкъахь кхел еш, нийсо еш хилла цо. 17Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дІавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цІа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира.

 

8

 

Халкъо паччахь воьху

 

1Шамъала ша къанвеллачу хенахь шен кІентий Исраилан махкахь кхелахой бина дІахІиттийра. 2Воккхаха волчун цІе Юал хилла, шолгІачун цІе Аби-ЯхІу хилла. Уьш Беар-ШабаІ цІе йолчу гІалахь кхелахой хилла. 3Амма Шамъалан кІентий шайн дас дІакхехьначу новкъахула лелаш ца хилла. Цара кхаьънаш ийдеш хилла, къайлаха ахча схьа а оьций, харцкхелаш еш хилла. 4Массо а Исраилан къано схьа а гулвелла, уьш Шамъал волчу Раме баьхкира. 5Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра».
6Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дІахІоттаве алар. ТІаккха иза Везачу Эле доІа дан хІоьттира. 7Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. 8Аса уьш Мисар-махкара арабехира. Амма уьш, Со дІа а теттина, кхечу деланашна гІуллакх дан хІиттира. Иштта гІиллакх хьоьца а хІоттийна цара. 9Цаьрга ла а догІий, цара бохург де. Амма нахе мел дерг а ма-дарра дІахьеде, паччахьан бакъонаш муха ю царна дІа а дуьйцуш».
10Шамъала шена Везачу Эло делла долу жоп ма-дарра дІахаийтира паччахь воьхуш ша волчу схьагулбеллачаьрга. 11Цо цаьрга элира: «ХІара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кІентий дІа а бигина, цо уьш шена гІуллакх дан дІахІиттор бу шуна. Цо уьш шен гІудалкхашна тІехь эскаран гІуллакх дан дІахІиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гІудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. 12Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тІехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тІехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дІахІиттор бу, вуьш эскархойн гІирс кечбеш, гІудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. 13Паччахьо шун зудабераш дІадуьгур ду, шена хаза хьожа йогІу хьакхарш деш, яа хІума кечъеш, бепиг доттуш гІуллакх дайта. 14Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дІа а яьхна, шен гонах болчарна дІайоькъур ю. 15УьтталгІа дакъа дІадийначу лаьтта тІера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дІа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дІалур ду. 16Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах[8] а, варраш а – дерриге а паччахьо дІадуьгур ду шена гІуллакх дайта. 17Кегийрачу бежанех уьтталгІа дакъа, дІа а даьккхина, дІадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. 18Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кІелара дІадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доІанна жоп лур дац».
19Амма наха Шамъале ла ца дуьйгІира. Цара бохура: «ХІан-хІа! Тхуна тхайна тІехь куьйгалла дан паччахь веза. 20ТІаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тІехь куьйгалла дийр ду, тІемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву». 21Шамъала, гулбеллачара дуьйцучуьнга ла а доьгІна, Везачу Эле иза дІадийцира. 22Цо цунна жоп делира: «Ахьа цаьрга ладогІа деза! ДІахІоттаве царна тІехь паччахь». ТІаккха Шамъала Исраилан халкъе элира: «Шу хІинца шайн-шайн гІала дІагІо».

 

9

 

Шамъалан Шаулаца вовшахкхетар

 

1Къуша Бен-Яманан тайпанах схьаваьлла хилла. Иза ша Абуалан кІант хилла, ткъа Абуал Царарин кІант хилла. Царар – Бахрутин кІант, ткъа Бахрути бен-яманхо волчу Апахьин кІант хилла. Ткъа Къуша ша махкахь цІе яхана стаг хилла. 2Цуьнан, Шаул цІе а йолуш, чІогІа хаза кІант хилла. Исраилан махкахь цул хаза цхьа а стаг ца хилла. Иза чІогІа лекха а хилла. Цунна гонах мел верг цуьнан белше бен кхочуш ца хилла. 3Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гІой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». 4Уьш Эпраман лаьмнаш тІехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаІлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. 5Шаьш Цупин лаьтта тІе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагІо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта».
6Амма ялхочо цуьнга элира: «ХІокху гІалахь наха чІогІа лоруш а волуш Делан стаг ву Іаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара».
7Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?»
8Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгІа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дІалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву».
9(Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.)
10Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ахьа дика боху. Воьду вайшиъ». Уьш Делан стаг волчу гІала дІабахара. 11ГІала боьдучу новкъахула ирхехьа уьш хьалабовлуш, царна дуьхьал кхийтира хитІе доьлхуш долу зудабераш. Цу шиммо цаьрга хаьттира: «Кхузахь Іаш вуй Делера дерг гуш волу стаг?»
12Цара, жоп луш, элира: «Иза шуна хьалха дІавоьдуш ву. Сихлолаш, хІунда аьлча иза тахана кхуза веана, наха хьуьлла гу тІехь сагІа доккхуш долу дела. 13Шаьшшиъ гІала чукхаьчча, иза волчу гІо, цу гу тІехь доккхуш долчу сагІанах кхетархьама дІавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хІума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагІа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хІума. Сихло, иза цига дІавахаза хила а мега шуна».
14Уьш гІала дІабахара. ГІали дІакхаьчначул тІаьхьа царна дуьхьалвогІуш вара сагІа доккхучу ваха араваьлла волу Шамъал. 15Шаул схьакхачале цхьа де хьалха Делера хаам хиллера Шамъале: 16«Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду».
17Шаул гинчу Шамъале Везачу Эло элира: «ХІара ву хьуна Аса хьоьга вийцинарг. Цунах Сан къомана куьйгалхо хир ву».
18Шамъал гІалин кевнна тІекхаьчча, Шаула, тІе а вахана, цуьнга хаьттира: «Хиндерг гуш волчу стеган цІа мичахь ду?»
19Шамъала цуьнга жоп делира: «Со ву Делера дерг гуш верг. Суна хьалха а валий, хьуьлларчу гуна тІе хьалавала. Тахана соьца яа хІума юур ю аша. Аса Іуьйранна дІавохуьйтур ву хьо, хьан дагахь мел дерг хьоьга дІа а эр ду. 20Кхо де хьалха яйна йолчу виркхелашна са ма гатде. Уьш схьакарийна. Хьо вуй те Исраилан халкъо воьхуш верг?[9] Адам хьоьга а, хьан ден цІийне а хьоьжуш ма ду».
21Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хІунда боху?»
22Шаьш гу тІе хьалабевллачул тІаьхьа Шамъала Шауллий, цуьнан ялхой сов цІа чу бехира, кхайкхина волчу ткъе итт стагана юкъахь хьалхара меттигаш царна дІа а елира. 23Шамъала яа хІума кечъеш волчуьнга элира: «Аса хьайга: „Хьо волчохь дІадилла“, – аьлла долу жижиган дакъа схьада». 24Цо ша ма-дарра гІогІ схьа а деъна, Шаулна хьалха охьадиллира. Шамъала[10] элира: «ХІара хьуна дитина ду. Хьайна хьалха охьа а диллий, даа и. Иза нах схьакхойкхучу хенахь хьуна леррина дитина дара».
Цу дийнахь Шаул Шамъалца хІума юуш Іийра. 25Гуна тІера охьа а биссина, уьш гІала схьабаьхкира. Шамъал Шаулаца тхов тІехь дуккха а къамел деш Іийра[11].

 

Шаул, паччахь хаьржина, къобалво

 

26Малх схьакхетачу хенахь уьш хьалагІевттира. Шамъал Шауле тхов тІе хьала кхайкхира: «Кечло, Аса новкъа воккхур ву хьо».
Шаул, хьала а гІаьттина, Шамъалца кертара аравелира. 27ГІалин йисте кхаьчча, Шамъала Шауле элира: «Хьайн ялхочуьнга, вайна хьалха а валий, дІаволало ала». Ялхо, хьалха а ваьлла, дІаволавелира. «Ткъа хьо хІинца саца. Аса хьуна хоуьйтур ду Дала сайга аьлларг».

 

 

10

 

1Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. 2Тахана хьо со волчуьра дІавоьдуш, Бен-Яманан латтанашкарчу ЦІелцІахь олучу меттехь, Рахьалан кошана уллохь цхьа ши стаг гур ву хьуна. Цара хьоьга эр ду: „Ахь лоьхуш хилла йолу и виркхелаш схьакарийна. Хьан да, виркхелаш йиц а елла, чІогІа сагатдеш ву: ‘Сан кІант цІа верзаван аса хІун дан деза техьа?’ – бохуш“. 3Цигара ваьлча, хьо кхочур ву Табур-гІалара ножан дитт долчу. Цигахь хьуна гур ву Далла лерина сагІа даккха Бетал-гІала воьдуш волу кхо стаг. Царах цхьаьнгахь кхо буьхьиг хир ю, вукхуьнгахь кхо бепиг хир ду, кхозлагІачуьнгахь чагІар чохь долу пІаьлдиг хир бу. 4Цара хьоьга маршалла хоттур ду, хьуна ши бепиг а лур ду. Ахьа уьш цаьргара схьаоьцур ду. 5Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. 6Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. 7ХІара билгалонаш хьайна тІехь кхочушхиллачул тІаьхьа хьайга далург де, хІунда аьлча хьоьца Дела ву. 8Сол хьалха а валий, Галгала дІагІо. Со а дІавогІур ву цига, дийнаташ дагоран сагІанаш а, барт баран сагІанаш а дахархьама. ВорхІ дийнахь соьга хьоьжуш Іе, тІаккха аса эр ду хьоьга, хІун дан деза».
9Шаула Шамъал волчуьра дІаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира. 10Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. 11Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хІара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХІун хилла Къушин кІантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?» 12Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХІетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?» 13Шовкъ еъначуьра ша юхавирзича, иза сагІа доккхучу барза тІе хьалавелира.
14Шаулан ден вашас хаьттира цуьнгий, цуьнан ялхочуьнгий: «Шу стенга дахнера?»
Шаула жоп делира: «Виркхелаш лаха дахнера. Уьш тхайна ца карийча, Шамъал волчу даьхкинера тхо».
15Ден вашас юха а хаьттира: «Схьадийцахьа, хІун элира шуьга Шамъала?»
16Шаула жоп делира: «Шамъала тхоьга хаам бира, виркхелаш схьакарийна аьлла». Амма Шамъала шега паччахьаллех лаьцна дийцинарг цо дІа ца дийцира.

 

Шаул паччахь ву аьлла дІакхайкхаво

 

17Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицІпе схьакхайкхира. 18Цо халкъе элира: «Исраилан халкъан Везачу Дала боху: „Аса шу, Мисар-махкара ара а даьхна, мисархойн куьйга кІелара схьа а даьхна, кхечу паччахьийн Іазапера кІелхьара а даьхна“. 19Ткъа аша хІинца шайн Дела дІатесна, Цо шаьш массо а балех кІелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тІехь паччахь хІоттаве“. ХІинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дІахІитта».
20Шамъала Исраилан халкъан дерриг тайпанаш шена тІе даладайтира. Царна юккъера Бен-Яманан тайпа къастийра цо. 21ТІаккха цу тайпанах болчу нахе шайн гаранашца тІедуьйла элира цо. Царна юкъара МатІарин гара хаьржира. ТІаьххьара а Къушин кІентан Шаулан цІе яьккхира. Амма Шаул лаха хІиттича, иза кара ца вора. 22ТІаккха цара Везачу Эле юха а хаьттира: «ВогІур вуй кхин цхьа а кхуза?»
ТІаккха Везачу Эло жоп делира: «ВогІур вац. Шаул хьуьлла аша шайца схьаеана йолчу хІуманаш юккъехь лечкъина Іаш ву».
23Наха, бевдда цига а бахана, Шаул цу хІуманаш юккъера схьаваьккхира. Иза нахана юккъе дІахІоьттича, уьш цунна белше бен ца кхочура. 24Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац».
ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!»
25Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хІора шен-шен цІа дІабахийтира. 26Шаул а ГебаІе шен цІа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара. 27Ткъа вочу наха бохура: «Цуьнга дахалур ду вай кІелхьара?» Уьш цунах баша а ца бешира, я цунна совгІаташ а ца кховдийра. Цара и сурт хІоттийнехь а, Шаула цу нахе хІумма а ца элира.

 

11

 

Шаула Іамминхой эшабо[12]

 

1Іамминхойн паччахь волчу Нахьаша, шен эскархошца схьа а веана, ГалІадерчу Явеш-гІалина го бира. Массо а цу гІаларчу бахархоша Нахьаше элира: «Тхоьца барт бе, ткъа тхо хьуна гІуллакх деш лелар ду».
2ТІаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тІе а дожош: шун хІораннан а аьтту бІаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьІаьржачу хІоттор ду ас».
3ТІаккха Явеш-гІаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхІ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьІІе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гІо ца дахь, тхо хьуна тІе догІур ду».
4Геланчаш Шаул Іаш волчу ГебаІ-гІала баьхкира. Цара шайна тІехІоьттинарг дерриг а халкъана дІадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира. 5Стерчашна тІаьхьа а хІоьттина, аренгара цІа вогІуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хІун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гІалара баьхкинчара деанарг дІадийцира. 6И хІума цунна дІа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тІе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чІогІа оьгІазвахара. 7Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьІІе цу геланчашка дІасадахьийтира, массарна дІа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тІаьхьа ца хІиттинчеран стерчий», – аьлла.
Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чІогІа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дІахІоьттина, цунна тІе дахара. 8Шаула Безакх-гІалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бІе эзар стаг вара, ЯхІуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара. 9Цара геланчашка элира: «ГалІадерчу Явеш-гІалин бахархошка дІаала: „Кхана малх схьакхеттачул тІаьхьа царна гІо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дІаэлира. Уьш чІогІа гІадбахнера. 10Явеш-гІалин бахархоша Іамминхошка элира: «Тхо кхана дІадогІур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».
11ШолгІачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Іуьйранна, сахилале, уьш Іамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тІекхачале цара уьш эша а бира. ТІаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дІасабевдира. 12ТІаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тІехь паччахьалла?“ – баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»
13Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина!»
14Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дІагІо вай, юха а паччахьалла дІахІоттор ду вай». 15Дерриг а адам Галгала дІадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дІа а хІоттийна, Делаца барт беш сагІанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чІогІа самукъаделира цу дийнахь.

 

12

 

Шамъала халкъе кхайкхам бо

 

1Шамъал дерриге а Исраилан халкъе вистхилира: «Аша мел аьллачуьнга ла а доьгІна, ас шуна тІехь паччахь дІахІоттийна. 2Иза хІинца шуна тІехь лаьтташ ву. Ткъа со къан а велла, къеж а велла. Делахь а сан кІентий шуьца бу. Со шун коьртехь лаьттина жима волуш дуьйна, хІара хан тІекхаччалц. 3Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду».
4Исраилхоша жоп делира: «Ахьа тхуна хала а ца хетийтина, я гІело а ца йина, я тхоьгара цхьаьнггара а кхаьънаш а ца эцна».
5Шамъала цаьрга элира: «Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хезаш ду тахана аша со бахьана долуш дина долу тоьшалла. Царна гуш ду соьгара къилахь долу хІума ца даьллийла».
«Веза Эла теш ву», – элира цара.
6ТІаккха Шамъала нахе элира: «Веза Эла ву Муса а, АхІарон а ДІахІоттийнарг, шун дай Мисар-махкара Арабаьхнарг. 7Шу кхузахь совца. Аса хІинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гІуллакхаш дага а доуьйтуш. 8Якъуб Мисар-махка дІавахча, шун дайша Везачу Эле шайн бала дІабелхийра. Везачу Эло Мусай, АхІаронний вахийтира шун дайшна гІо дан. ТІаккха цушиммо, шун дай Мисар-махкара ара а баьхна, уьш кхузахь баха охьаховшийра. 9Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло. 10ТІаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цІушна БаІалгІарний, ІаштартгІарний гІуллакх дан хІиттира тхо. МостагІчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТІаккха тхо, Везачу Элана тІе а дирзина, Цунна гІуллакх а деш, лелар дара“. 11ТІаккха Везачу Эло ГадІаний[13], Беданний[14], Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагІех шу кІелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тІаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира. 12Амма Іамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тІехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!
13ХІара ву шуна аша, воьхуш, хаьржина волу паччахь. Везачу Эло иза шуна тІехь паччахь вина дІахІоттийна. 14Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гІуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтІахь хилахь, шун дахар дика хир ду. 15Амма Цуьнга ла а ца дугІуш, Цо бохучунна шу, дуьхьал а дуьйлуш, дІадуьйлалахь, Цуьнан куьг, шун дайшна санна, шуна дуьхьалдер ду.
16Ткъа хІинца, дІа а хІиттий, дика хьажа Везачу Эло шайн бІаьргашна хьалха ден долчу доккхачу гІуллакхе. 17ХІинца ялта хьокху хан ю вайна. Аса Везачу Эле доІа дийр ду, юха Цо, стигал къовкъош, догІа доуьйтур ду. Юха шуна хуур ду, мел доккха къа латийна аша Цунна хьалха, шайна паччахь воьхуш».
18Шамъал Везачу Эле доьхуш кхайкхира. Везачу Эло, стигал а къовкъош, догІа даийтира цу дийнахь. Дерриг а халкъ Везачу Элах а, Шамъалах а чІогІа кхераделира. 19Цара Шамъале элира: «Хьайн Везачу Деле тхуна, Цуьнан лешна тІера, доьхуш, доІа дахьара ахьа, тхо ма дайа алахьара ахьа. Тхаьш летийначу къиношна тІе кхин а цхьа къа латийна оха, тхайна паччахь а вехна».
20Шамъала халкъе элира: «Ма кхера. И къа шу латийна девлла. Амма Везачу Элах дІа ма херло, цІеначу дагца Цунна гІуллакх а де. 21Кхин цкъа а хІумма а йоцучу деланашна тІе ма гІерта. Церан шуна цхьа а тайпана дан гІо дац, хІунда аьлча уьш шаьш кІад а йоцурш ю. 22Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. 23Со а соцур вац шуна Везачу Эле доьхучуьра. И тайпана къа аса сайх латор дац. Аса шу нийсачу а, хьаналчу а новкъа дІадаха Іамор ду. 24Шу Везачу Элах кхералаш, шайн дерриг а дог тІе а дерзадай, Цунна гІуллакх а делаш. Шуна гина-кх, мел даккхий гІуллакхаш дина Цо шу бахьана долуш. 25Амма шу кхин а зуламаш деш лелахь, шу а, шун паччахь а, норо дІахьокхуш йолу нехаш санна, хІаллакдийр ду».

 

13

 

Шаула дуьххьара Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочуш ца до

 

1 Цхьана шарахь паччахьалла дІакхехьна Шаула. Исраилан паччахь ша волу шолгІа шо дузучу хенахь, 2цо кхо эзар исраилхо шена дІахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхІунатица Бен-Яманарчу ГибаІ-гІалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цІа бахийтинера.
3ЯхІунатас ГибаІ-гІалахь гІаролехь лаьтташ хилла йолу пІелаштамхойн эскархойн тоба эшийна хилла. И хІума пІелаштамхошна дІахиъна. Ткъа Шаула, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхадайтина: «Іебархошна хезийла!» – аьлла. 4Исраилан халкъана Шаула пІелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагІа хилла дІахІоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гІала схьагулделира.
5Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. 6Исраилхой кхийтира шайн гІуллакх чІогІа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Іаш бара. Цундела уьш хьехашна, чІажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гІунаш чохь а дІалечкъира. 7Цхьаболу Іебархой, Йордан-хил дехьа а бевлла, ГалІадан а, Гадин а долахь хиллачу мехкашка дІабахара.
Шаул цу хенахь а Галгалахь вара. Цуьнца цхьаьна долу адам, чІогІа кхераделла, доьхна дара. 8Шамъала шега ма-аллара, ворхІ дийнахь Галгалахь цуьнга хьоьжуш Іийра иза. Амма Шамъал, схьа ца вогІуш, хьевеллера. Цундела адамаш дІасаэха дуьйладелира. 9Шаула элира: «Схьадаладе суна дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІина леринарг». Цо цигахь Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагІа даьккхира. 10Амма иза и гІуллакх дина ваьлла жимма хан ялале, Шамъал схьакхечира. Маршалла хатта цунна дуьхьалвахара Шаул. 11Шамъала цуьнга хаьттира: «И хІун ду ахьа динарг?»
Шаула жоп делира: «Суна гира со волчуьра нах дІауьдуш. Ткъа хьо, айхьа йиллинчу хенахь схьа ца вогІуш, хьевеллера. ПІелаштамхой Михмасехь, схьакхаьчна, лаьтташ бу. 12ТІаккха аса ойла йира: „ПІелаштамхой Галгала тІамца чубогІур бу, ткъа со хІинца а Деле орца даккхаза ву“. Цундела аса дийнаташ дагоран сагІа даьккхира».
13ТІаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чІогІа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чІагІдийр дара, 14амма хІинца хьан паччахьалла лаьттар дац. Везачу Элана хьан метта Шен даго къобалвеш волу стаг карор ву, иза Цо Шен халкъана тІехь баьчча вина дІа а хІоттор ву, хІунда аьлча ахьа Везачу Эло хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина».
15Шамъал, хьала а гІаьттина, шен новкъахула дІавахара. ТІаьхьабисинарш Шаул шен эскар долчу дІавоьдучу хенахь цуьнца[16] Галгалара Бен-Яманан ГебаІ-гІала дІабахара, ткъа Шаула шеца бисина болу нах багарбира. Уьш ялх бІе стаг ца кхоччуш вара. 16Шаул шен кІантаца ЯхІунатица а, шаьшшинца бисина болчу нахаца а Бен-Яманан ГебаІ-гІалахь сецира, ткъа пІелаштамхой шайн меттамотт лаьттачу Михмасехь бара. 17Цигара пІелаштамхойн эскаран кхо тоба араелира Исраилан мохк, басса а бина, хІаллакбан. Царах цхьа тоба ШуІал-аренна уллохь йолчу Іапру боьдучу новкъахула дІаяхара, 18ткъа важа тоба Байт-Хьороне боьдучу новкъа елира, ткъа кхоалгІаниг яьссачу арехьа йолчу ЦебаІим-аренан дозане боьдучу новкъахула дІаяхара.
19Берриге а Исраилан махкахь цхьа а аьчк-пхьар вацара, хІунда аьлча пІелаштамхой кхоьрура цара, и говзалла кара а ерзийна шайна тарраш а, гоьмукъаш а кечдарна. 20Цундела массо а исраилхо пІелаштамхой болчу эха дезаш хуьлура шайн хьонхалш а, белаш а, дагарш а, маьрсаш а ирдан. 21ПІелаштамхойн аьчк-пхьераша цхьа жима дато ахча доккхура хьонхалш а, белаш а ирйийриг. Цул жимма сов дато ахча доккхура дагаран иралла артъелча, я вед тоян езча. 22Цундела Шаулаций, ЯхІунатиций долчу халкъехь я тарраш а, я гоьмукъаш а дацара. Уьш Шаулехь шегахь а, цуьнан кІантехь ЯхІунатехь бен дацара.
23ПІелаштамхойн хьалхара тоба Михмасерачу лаьмнел дехьадовларе дІаяхара.

 

14

 

ЯхІунатас хьуьнар гойту

 

1Цхьана дийнахь Шаулан кІанта ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, дехьа агІор лаьтташ йолчу пІелаштамхойн тобанна тІевоьду вайшиъ». Амма шен дега Шауле цо иза ца хаийтира. 2Шаул ГебаІ-гІалин йистехь, МагІран-гІалин уллохь лаьтташ долчу наран дитт бухахь сецнера. Цуьнца цхьаьна ялх бІе стаг а, 3Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхІу а вара. (Иза вара Ахьтубин кІант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Іелин кІентан Пайнехьасан кІант.) Цигахь долчу халкъана ЯхІуната дІавахнийла ца хаьара.
4ПІелаштамхойн эскаран тоба йолчу хІара шиъ дехьавала кечвеллачу новкъахь дехьай, сехьай лаьтташ чІогІа ира ши тарх яра. Цхьаннан цІе БоцІацІ яра, вукхун цІе Сенна яра. 5Цхьа тарх къилбаседехьара Михмасана тІейирзина лаьтташ яра, важа ГебаІ-гІалина къилбехьара тІейирзина яра.
6ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Вало, оцу дин доцучу сунтбаза болчеран эскар долчу дехьа вер ву вайшиъ. Везачу Эло гІо дан мега вайна, хІунда аьлча Цунна хала дац вайна гІо дан, вай мел делахь а».
7Ялхочо кхуьнга элира: «Хьайн даго къобалдеш дерг де. Хьо миччанхьа водахь а, со хьоьца ву хьуна».
8ЯхІунатас элира: «Вайшиъ, уьш болчу дехьа а ваьлла, царна гуччохь дІахІуттур ву. 9Цара вайшинга: „Тхо тІедахккалц цигахь латта“, – алахь, вайшиъ, царна тІе а ца воьдуш, Іадда лаьттар ву. 10Нагахь санна цара: „Тхо долчу хьаладовла“, – алахь, вайшиъ хьалавер ву. Иза вайшинга Везачу Эло йина билгало хир ю, уьш вайшиннан кара схьабелла аьлла». 11И шиъ, хьала а ваьлла, пІелаштамхошна гуччохь дІахІоьттича, вукхара элира: «Іебархой шаьш дІалечкъинчу чІожа чуьра арабовлуш бу». 12Эскаран тобанна юкъахь болчара кху шинга мохь туьйхира: «Хьаладовла тхо долчу, оха цхьа хІума эр ду шуьга».
ЯхІунатас шен герз лелош волчу ялхочуьнга элира: «Суна тІаьхьа схьавола. Уьш Везачу Эло исраилхошна кара схьабелла». 13ЯхІуната, когаш а, куьйгаш а дІатуьйсуш, гунах хьалавала волавелира, цунна тІехьа вогІуш цуьнан герз лелош волу ялхо а вара. ХІара шиъ пІелаштамхошна тІелетира. ЯхІуната, хьалха а ваьлла, леташ вара, ткъа цо лазийнарш цуьнан ялхочо бойура. 14Цу шиммо ткъа стаг вийра. Шина стеро цхьана дийнахь охун йолчу ах аренал йолчу меттехь хилира церан пІелаштамхошца латар. 15ТІеман аренгахь болу пІелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дІаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чІогІа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Іадийнера.

 

ПІелаштамхойн эшор

 

16Бен-Яманан ГебаІ-гІалахь лаьтташ болчу Шаулан гІаролхошна гира яьржина дІасауьду адамийн тоба. 17Шеца долчу адамашка Шаула элира: «Хьажал, вайна юкъара ара мила ваьлла». Уьш хьаьжна бевлча, царна хиира ЯхІуната а, цуьнан ялхо а шайна юкъахь воцийла. 18Шаула АхьъяхІуга элира: «Схьадал Делан деза тІорказ». Цу хенахь Делан деза тІорказ исраилхошца дара[17]. 19Шаул динан деца къамел деш волчу хенахь пІелаштамхой болчохь кхин а чІогІа гІовгІа елира. ТІаккха Шаула динан дега элира: «Сацаде айхьа долийнарг». 20Шеца мел хиллачу адамца тІом лаьттинчу метте дІавахара Шаул. ЧІогІа боьхна хьийзаш болчу пІелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагІий боьхна хьийзаш хилла. 21Эццахь пІелаштамхошна гІуллакх деш цаьрца цхьаьна хилла болу Іебархой Шаулаций, ЯхІунатиций хиллачу исраилхойх дІакхетта. 22Эпрайман лаьмнаш тІехь дІалечкъина мел хилла волу исраилхо, пІелаштамхой уьдуш буйла хиъча, тІом беш болчу исраилхойх схьакхетта. 23Цу дийнахь Везачу Эло Исраилан халкъ кІелхьардаьккхира, ткъа тІом Байт-Аване кхаччалц дІабаьржира.

 

ТІом дІабирзинчул тІаьхьа хилларг

 

24Исраилхой чІогІа холчу хІиттинера цу дийнахь. Шаула цаьрга аьллера: «НеІалт хуьлийла, аса сайн мостагІашна тховса бекхам бина хан тІекхаччалц, баьпках мотт тухун болчунна». Цхьаммо а юучу хІуманах мотт ца туьйхира. 25Мел долу адам хьуьнах дІадахара. Цигахь царна моз карийра. 26Шаьш хьуьнна юккъе бахача, цара бохура: «Кхузахь охьаоьхуш моз ду». Амма цхьаммо а шен куьг бете ца даьхьира, хІунда аьлча адам шен дуй къарбан кхоьрура. 27ЯхІунатина шен дас аьлларг ца хезнера. Цо шен карахь йолу гІаж, дІа а кховдийна, мезан улха юккъе а Іоьттина, цу тІера моз дІакхаьллира. Цуьнан ши бІаьрг серлабелира. 28Нахана юкъахь волчу цхьаммо цуьнга элира: «Хьан дас нахе чІагІо яйтина тахана яа хІума ца яийта. Цо цаьрга аьлла: „НеІалт хуьлийла тахана хІума кхоллун волчунна“. Цундела ду адам чІогІа гІелделла».
29ЯхІунатас цаьрга элира: «Сан дас халкъана дуьхьал шегара гІалат далийтина. Хьажал сан серлабевллачу бІаьргашка жимма и моз кхаллар бахьана долуш. 30Тахана наха шайн мостагІашкахь карийначух яа хІума йиъна хиллехь, пІелаштамхойн эшар кхин а чІогІа хир дара».
31Цу дийнахь Михмасера дуьйна Айлоне кхаччалц исраилхоша эшийнера пІелаштамхой. Уьш чІогІа кІадбелла, гІора дІадаьлла бара. 32ЧІогІа мацбелла болу уьш, шайна карабеанчу уьстагІашна, стерчашна, эсашна тІебетталуш, царна арсаш а хьоькхуш, уьш цІийца цхьаьна дууш бара. 33Шауле хаам бира: «Халкъ Везачу Элана хьалха къа латош ду, цІийца цхьаьна хІума юуш».
Шаула цаьрга элира: «Аша шайх къа латийна. Схьатакхабе со волчу боккха тІулг». 34Цул тІаьхьа цо элира: «Адамашна дІахаийта: хІораммо, со волчу шен сту я уьстагІ схьа а балабеш, царна урс а хьокхуш, баа. Везачу Элана хьалха къинош ма летаде, цІийца цхьаьна жижиг дууш». Наха хІораммо а, шайн куьйгаца схьа а лоций, буьйсанна сту схьабалабора. Циггахь иза бен а боьра. 35Шаула Везачу Элана сагІа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагІа доккху меттиг.
36ТІаккха Шаула элира: «Буьйсанна пІелаштамхошна тІаьхьадовла деза вай. Цаьргахь мел ерг схьа а яьккхина, сахилале церан цхьа а стаг дийна вуьтур вац вай».
Цара элира: «Хьайна бакъахьа мел хеташ дерг де».
Амма динан дас элира: «Делах дагадовла деза вай».
37Шаула Деле хаттар дира: «ПІелаштамхошна тІаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таІзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна. 38ТІаккха цо элира: «Массо а халкъан куьйгалхой суна тІе бахкийта. Цаьрга, халкъана юкъахь къа латийнарг муьлха ву хьожуш, таллийта. 39Аса Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чІагІо йо, и къа латийнарг сан кІант ЯхІуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора. 40ТІаккха Шаула Исраилан халкъе элира: «Шу массо а цхьаьна агІор дІахІотта, ткъа вукху агІор сой, сан кІант ЯхІунатий хІуттур ву».
Наха Шауле элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де».
41Шаула Везачу Эле элира: «Исраилан халкъан Дела! Бакъдерг гайтахьа тхуна»[18].
Гулбеллачарна дай, кІанттий бехке хилар гира. Ткъа халкъ бакъдеш хиларан билгало а хилира. 42ТІаккха Шаула элира: «Суний, сан кІантаний юкъахь кхаж таса». ЯхІунатина кхаж белира. 43Шаула ЯхІунате хаьттира: «Схьадийца соьга, хІун даьлла хьоьгара?»
ТІаккха ЯхІунатас дІадийцира: «Аса, сайгара гІаж чу а Іоьттина, жимма моз кхаьллира. Ткъа и хІума бахьана долуш со вала везаш вуй?[19]»
44ТІаккха Шаула элира: «Нагахь санна ЯхІуната лийр вацахь, Дала суна со валлал чІогІа таІзар дойла!»
45Амма халкъо Шауле элира: «Массо а халкъ кІелхьардаьккхина волу ЯхІуната вуй техьа вала дезаш верг? Иза хир дац! Дийна волчу Везачу Элах оха чІагІо йо: цуьнан коьртара цхьа а чо лаьтта охьабужур бац! Дела шеца волуш дина цо пІелаштамхой а эшош динарг». ЯхІуната халкъо, вен а ца воьйтуш, паргІат витира.
46ПІелаштамхошна тІаьхьаваьллачуьра Шаул юхавирзира, ткъа вуьш шайн махка дІабахара.

 

Шаулан паччахьаллах а, цуьнан доьзалх а лаьцна

 

47Шаула Исраилан махкахь шен паччахьалла дІахІоттийра. Шена гонах мел волчу массо а мостагІчуьнца тІом беш чекхвелира иза: Муабица а, Іамминхошца а, Эдомца а, Цобарчу паччахьашца а, пІелаштамхошца а. Ша тІом мосазза бо, толам а боккхура цо. 48Іамалекхана тІехь цо баьккхина толам бахьана долуш, Исраилан халкъ цуьнан талорхойх кІелхьардаьккхира.
49Шаулан кІентийн цІераш яра: ЯхІуната, Ишви, МалкишаІ. Шаулан йоккхаха йолчу йоІан цІе Мираба яра, жимаха йолчун цІе Михула яра. 50Шаулан зудчун цІе АхьнуІмат яра. Иза АхьимаІацан йоІ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цІе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кІант вара. 51Шаулан да Къуша а, Абунаран да Нер а Абуалан кІентий бара.
52Шаул ша мел веха пІелаштамхошца тІом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дІавуьгуш хилла цо.

 

15

 

Шаула шолгІа а Везачу Эло тІедиллинарг кхочуш ца до

 

1Шамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тІехь хьан паччахьалла къобалдан. ХІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа. 2Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Іамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цІа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар. 3ХІинца, ваха а гІой, Іамалекхана тІелата, цуьнан мел долу хІума, къинхетам ца беш, хІаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагІ, эмкал, вир – ша мел долу хІума, дей, дІадаккха“».
4Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бІе эзар гІашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхІудан тайпанах а вара. 5Шаул Іамалекхахойн гІалина тІекхаьчнера. ТогІи чохь царна кІело ян охьахиира иза. 6Шаула кхенахошна тІе хабар дахьийтира: «Іамалекхахойх дІакхеттачуьра дІакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогІучу хенахь Исраилан халкъана гІо дина». Кхенахой Іамалекхахошна юкъара дІакъаьстира.
7Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Іуьллучу Шур-гІалин йистошка кхаччалц эшийра Іамалекхахой. 8Церан паччахь АгІаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хІаллакдира. 9Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгІагах къинхетам бира, дико долу уьстагІий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Іахарий а дитира, иштта дика мел долу хІума а, доха ца деш Іаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хІума дохийна дІадаьккхира.
10ТІаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара: 11«Со чІогІа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дІахІотторах. Сох дІа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чІогІа оьгІазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. 12Сахуьлуш Шамъал, хьала а гІаьттина, Шаулна дуьхьалвахара. Амма цуьнга хаам бира, Шаула, Кармал-гІала а вахана, цигахь шен толамаш дагабоуьйтуш болу тІулг дІахІоттийра аьлла, ткъа цигара ваьлча, иза Галгала вахана аьлла. 13Шамъал Шаулна тІекхечира, ткъа Шаул вистхилира: «Везачу Эло декъалвойла хьо. Аса Везачу Элан дош кхочушдина».
14ТІаккха Шамъала элира: «Сан лергашна хезаш долу уьстагІийн а, стерчийн а аьзнаш мичара ду?»
15Шаула элира: «Уьш Іамалекх волчуьра схьадалийна ду. Оха тоьлла долу уьстагІий а, стерчий а хьан Везачу Далла лерина сагІа даккха дитира, кхин дерш хІаллакдира».
16Шамъала Шауле элира: «Собар де, аса дІадуьйцур ду хьоьга Везачу Эло буьйсанна хьо бахьана долуш аьлларг».
Шаула цуьнга элира: «Схьадийца».
17ТІаккха Шамъала элира: «Хьуна-хьайна а хьо жима а, хьал доцуш а хетташехь, ца хІоттийнера Исраилан халкъан тайпанашна коьрте? Хьо иштта воллушехь, Везачу Эло къобал ца винера хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІотта? 18Везачу Эло хьо хІокху дешнашца новкъа ваьккхинера: „Ваха а гІой, и къинош летийна болу Іамалекхахой хІаллакбе. Уьш, байина, дІабаххалц, тІом бе цаьрца“, – аьлла. 19Везачу Эло хьайга аьлларг хІунда ца дира ахьа? Стенна кхийтира хьо ижуна тІе, Везачу Элан бІаьргашна хьалха вон деш?»
20Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, Цо аьллачу новкъа велира со. Іамалекхахойн паччахь АгІаг аса схьавалийна, уьш мел берш хІаллак а бина. 21Ткъа наха шайна яьллачу ижуна юккъера тоьлла долу уьстагІий а, стерчий а схьахаьржира Галгалахь хьан Везачу Далла лерина сагІа даккха».
22Шамъала цунна жоп делира:
«Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана,
хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал?
Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду,
ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду,
23хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду,
ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду.
Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш,
Цо хьо дІатеттина,
Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».
24Шаула Шамъале элира: «Везачу Элан дашна тІера а, хьан лаамна тІера а ваьлла, аса сайх къа латийна. Со нахах кхеравелира, цундела цара бохург дира аса. 25ХІинца аса сайна къинтІера валар доьху хьоьга. Соьца юхаверзахьара хьо, Везачу Элана соьга корта тохийта».
26Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогІур вац, хІунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дІатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».
27Шамъал дІаваха дагахь дІавирзира. Амма вукхо цуьнан бедаран юх, катоьхна схьа а лаьцна, ятІийра. 28ТІаккха Шамъала элира: «ХІинца дуьйна Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь долу паччахьалла хьох дІахадийна. Цо иза кхечуьнга дІакховдийна, иза хьол тоьлуш волу дела. 29Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца».
30ТІаккха вукхо элира: «Аса къа латийна. Делахь а хІинца сан къоман къаношна хьалха а, со Исраилан халкъана хьалха а ларий, соьца юхаверзахьара хьо, тІаккха аса хьан Везачу Далла Іибадат дийр дара». 31Шамъал Шаулаца юхавирзира. Шаула Везачу Элана Іибадат дира.
32Цул тІаьхьа Шамъала элира: «Іамалекхахойн паччахь АгІаг схьавалаве кхуза».
Шек а ца волуш[20], АгІаг цунна тІе веара. Цо элира: «Валаран къаьхьаллах со вāла ма ваьлла?»
33Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кІантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгІаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.
34Шамъал Раме дІавахара. Ткъа Шаул ГебаІ-гІалахь долчу шен цІа вахара. 35Цул тІаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дІаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гІайгІа латтайора, хІунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІотторна.

 

16

 

Исраилан халкъана тІехь Даудан паччахьалла къобалдар

 

1Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».
2Амма Шамъала элира: «Со муха гІур ву цига? Шаулна иза дІахаахь, цо со вуьйр ву».
Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагІа даккха веана эр ду ахьа. 3Айхьа сагІа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тІаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хІун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».
4Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гІала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дІакхаьчча, цу гІалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогІий хьо?»
5Цо жоп делира: «ВогІу. Со Везачу Элан дуьхьа сагІа даккха вогІуш ву. Делан дуьхьа дІа а къастий, соьца сагІа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кІентий а Далла хьалха дІахІоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагІа доккхучу.
6Уьш сагІа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дІахІоьттина лаьтташ волу хІара хила мега Цо къобалвинарг!» 7Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».
8Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тІевалийра. Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 9ТІаккха Юшайс Шама тІевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». 10Иштта шен ворхІе а кІант Шамъална тІевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло». 11ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?»
Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву».
Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». 12Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». 13Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара.

 

Дауда Шаулна гІуллакх дар

 

14Везачу Элан Са Шаулах дІакъаьстира. Цунна тІе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. 15Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо. 16Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».
17Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».
18Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гІалара волчу Юшайн кІант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чІогІа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».
19ТІаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кІант Дауд со волчу ваийта», – аьлла. 20Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тІе бепиг а, чагІар чохь долу пІаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кІант Дауд а Шаул волчу дІахьажийра. 21Дауд Шаул волчу дІакхаьчча, иза цунна гІуллакх дан волавелира. Дауд чІогІа везавелира Шаулна, цо цунах шен герзлелориг вира. 22Юшайга хабар дахьийтира Шаула: «Дауд со волчохь гІуллакх деш сецна, хІунда аьлча цо деш долу гІуллакх суна чІогІа тайна». 23Делера долу жин Шаулна тІе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тІаккха Шаулан са паргІатдолура.

 

17

 

ГІолиата исраилхошка йохье кхойкху

 

1ПІелаштамхоша шайн эскар тІамана схьагулдира. Цара, ЯхІуд-махкарчу Соха-гІалахь схьа а гулбелла, Соханий, Іазекхиний юккъехь йолчу Эпас-Дамимахь меттамотт дІахІоттийра. 2Ткъа Шаул, исраилхошца цхьаьна Эла-тогІи чохь шен меттамотт дІа а хІоттийна, пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан кечвелира. 3ПІелаштамхой цхьана агІор лаьтташ болчу лам тІе бевлира, ткъа исраилхой цунна дуьхьал лаьттачу вукху лам тІе бевлира. Царна юккъехь тогІи яра.
4Ша Гати-гІалара а волуш, ГІолиат цІе йолу, бІаьхо волу цхьа стаг пІелаштамхошна юкъара схьавелира. Иза ялх[21] дол а, цхьа ше а хиллал лекха вара. 5Цуьнан коьртахь цІестах дина долу гІем дара, тІедуьйхина цІестан пелагех дина гІагІ дара. Цу гІаьгІнан деккъа дозалла пхи эзар шекхал цІаста хиллал дара. 6Цуьнан когаш тІехь цІестан гола тІеюхкурш яра, букъ тІехь цІестан горга тур а дара. 7Цуьнан гоьмукъан гІаж, кІадидархочун гІирс санна, еха яра, ткъа ша гоьмукъ ялх бІе шекхал эчиг хиллал бара. Цунна хьалха хІоьттина вогІуш цуьнан доккха турс лелош верг а вара. 8ГІолиат, исраилхойн тІемалошна хьалха дІа а хІоьттина, цаьрга мохь бетта волавелира: «ТІом бан стенна кечделла шу? Со пІелаштамхо вац ткъа? Ткъа шу Шаулан леш ду. Шайна юкъара соьца лата стаг схьахаржа. 9Нагахь, иза сох лата а летта, цо со вехь, пІелаштамхой шун леш хир бу, ткъа нагахь, со цунах тола а тоьлла, аса иза вехь, шу тхан леш хир ду, тхуна хьалхара гІуллакх а деш». 10ПІелаштамхочо кхин а элира: «Тахана аса исраилхойн эскаре кхайкхам бо. Схьаваийта суна тІе иштта волу стаг, тхойшиъ вовшахлетар ву!» 11ПІелаштамхочо бохург шайна хезча, Шаул а, исраилхой а, кхерабелла, Іадийнера.

 

Дауд Шаулан меттаматтахь

 

12ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара волчу эпратхочун Юшайн кІант вара Дауд. Юшайн бархІ кІант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чІогІа хан яьлла стаг вара. 13Юшайн воккхаха волу кхо кІант Шаулца тІаме вахнера. Цуьнан тІаме ваханчу кхаа кІентан цІераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгІачун – Абинадаб, кхозлагІчун – Шама. 14Дауд жимаха верг вара. Воккхаха волу кхо кІант Шаулца волчу хенахь, 15Дауд Шаул волчу дІа а воьдий, цигара юхавоьрзура, Байтлахам-гІалахь волчу шен ден уьстагІий дажо.
16Шовзткъа дийнахь пІелаштамхо, Іуьйранний, суьйранний ара а волуш, исраилхошна ша гайта дІахІуттура.
17ТІаккха Юшайс шен кІанте Дауде элира: «Хьайн вежаршна кхо сахь кхерзина буьртигаш а, итт бепиг а эций, сихха церан меттамотт лаьттачу дІагІо. 18ХІара итт нехча тІеман коьртачу хьаькаме дІало, хьайн вежарийн хьал-де хаа, уьш могуш-маьрша хиларан билгало а я. 19Шаул а, хьан вежарий а, массо а исраилхо санна, Эла-тогІи чохь пІелаштамхошца тІом беш бу».
20Дауд, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен уьстагІий хехочуьнга дІа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тІе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дІавахара. ХІара дІакхаьчначу хенахь эскархой тІом бечу могІаршкахь дІахІиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тІамана кечлуш бара уьш. 21Исраилхоша а, пІелаштамхоша а шайн тІемалойн могІанаш дуьхь-дуьхьал дерзийнера. 22Дауда, шегахь болу мохь тІеман гІирс ларбеш волчу хехочуьнга дІа а белла, ведда эскархойн могІанаш долчу юкъа а вахана, шен вежаршка хІун хьал ду хаьттира. 23Иза шен вежаршца къамел деш волчу хенахь Гати-гІалара ГІолиат цІе йолу пІелаштамхойн вовшахлатархо, шайн могІанашна юкъара ара а ваьлла, мохь бетта волавелира. Даудана цо бохург хезира. 24Массо а исраилхо, и стаг шайна ма-гиннехь, кхералой, цунах водура. 25Исраилхоша бохура: «Гой шуна и къамел деш волу стаг? Иза исраилхой емалбеш, царна луьйш ву. Иза вийначунна паччахьо боккха бахам лур бара, цуьнга шен йоІ маре а йохуьйтур яра, цуьнан доьзал Исраилан махкахь массо а кхечу нахана тІедиллина долчу хІуманах мукъа а боккхур бара».
26ТІаккха Дауда шеца лаьтташ болчу нахе элира: «ХІун кхаъ хир бу, и пІелаштамхо вен а вийна, Исраилан махкана тІера юьхьІаьржо дІаяьккхинчунна? Мила ву хІара дин доцу, сунтваза волу пІелаштамхо, дийна волчу Делан эскарна луьйш волу?»
27Цара, шаьш аьлларг юха карла а доккхуш, и стаг вийначунна кхаъ лур бу аьлла, дІахаийтира.
28Даудан воккхаха волчу вешина Элиабна хезира цо нахаца деш долу къамел. Даудана чІогІа оьгІаз а вахана, цо элира: «Хьо хІунда веана кхуза? Хьанах тешна дитина ахьа вайн де а доцу уьстагІий яьссачу арахь? Суна евзаш ю хьан сонталла а, хьан вон дог а. Хьо тІамах бІаьрг тоха веана кхуза?»
29Дауда элира: «Соьгара хІун даьлла, нахаца къамел дарал сов?» 30Шена уллохь болчу нахе дІа а вирзина, Дауда цаьрга хаттар дича, цара, вукхара санна, жоп делира цунна.
31Дауда аьлла долу дешнаш Шауле дІадийцира. Цо Дауд шена тІекхайкхира. 32ТІаккха Дауда Шауле элира: «И пІелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гІайгІане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву».
33Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пІелаштамхочуьнца, хІунда аьлча хьо хІинца а жима ву, ткъа иза кога ирахІоьттинчу хенахь дуьйна тІеман гІуллакх девзаш хилла ву».
34Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагІий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагІ дІабаьхьча, 35царна тІаьхьа а воьдий, тІекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тІекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. 36Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». 37Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кІелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пІелаштамхочун куьйга кІелара а воккхур ву».
ТІаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гІо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла». 38Даудана шен бедарш тІеюьйхира Шаула, коьрта цІестан гІем а тиллира, цунна тІе гІагІ а дуьйхира. 39Бедарш тІехула тур гІода юккъе а дихкина, Дауд дІасаволавелира, амма иза ишттачу духарца лела Іемина вацара. Цо Шауле элира: «Со, хІара духар а доьхна, лела Іемина вац». Цо и хІуманаш шена тІера дІаехира. 40Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тІулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тІоьрмаг чу а дехкина, и тІоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пІелаштамхочунна дуьхьалвахара.

 

Дауда ГІолиат эшаво

 

41ПІелаштамхо а вара кхунна дуьхьалвогІуш, хьалха ваьлла доккха турс лелош верг а волуш. 42ПІелаштамхо Дауде цавашарца схьахьаьжира, хІунда аьлча хІара ханна жима а вара, хьаьрса а волуш, юьхь тІера хаза а вара. 43Цо Дауде элира: «Хьо суна дуьхьал гІожаца ма ваьлла. Со жІаьла ду-м ца моьтту хьуна?» Иза а аьлла, пІелаштамхочо шен деланашкара неІалт кхайкхира Даудана. 44Цо Дауде элира: «ТІевола суна, аса хьан дакъа стигаларчу олхазаршний, аренгахь лелаш долчу акхарошний дІалур ду».
45Дауда пІелаштамхочуьнга элира: «Хьо суна дуьхьал тур а, гоьмукъ а, горга тур а карахь вогІуш ву, ткъа со ахьа сийсаздохуш долчу Исраилан халкъан массо а эскарийн Дела волчу, массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах араваьлла. 46Таххана Везачу Эло хьо сан кара схьалур ву, ткъа аса хьо вуьйр ву. Аса хьан корта схьабоккхур бу, ткъа пІелаштамхойн эскархойн декъий стигаларчу олхазаршна а, лаьттахь лелаш долчу акхарошна а дІалур ду. Дерриг а дуьненна дІахуур ду Исраилан махкахь Дела вуйла. 47Кхузахь гулделлачу дерриг а халкъана дІахуур ду Везачу Эло туьраций, гоьмукъций ца воккхийла кІелхьара, хІунда аьлча тІом Везачу Элан карахь бу. Цо шу тхан кара схьа а лур ду».
48ПІелаштамхо шена тІеволавелча, Дауд сихха цунна дуьхьалведира. 49Шен тІоьрмаг чу куьг а дахийтина, тІулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пІелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тІулг цунна нийсса хьажа юккъе богІабелира, ткъа пІелаштамхо бертал охьавуьйжира. 50Иштта тІулгаций, ширдолагций пІелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра. 51ТІаккха Дауда, ведда тІе а вахана, цунна тІе ког а баьккхина, пІелаштамхочун тур баттара схьа а даьккхина, цуьнан корта баьккхира.
ПІелаштамхой, шайна юкъара ницкъберг велла гича, бевдда дІабахара. 52Исраил-махкара а, ЯхІуд-махкара а халкъ маьхьаршца пІелаштамхошна тІаьхьаделира. Цара уьш, лаьхкина, тогІи чу вуллучу[22] дІабигира, цигара дІа – Іекхран-гІали чу воьду ков долчу бигира. Эшийна, лаьхкина буьгуш болу пІелаштамхой ШаІрайм-гІалина тІе боьдучу новкъа тІе охьаоьгура Гати-гІалина а, Іекхран-гІалина а тІекхаччалц. 53Шаьш пІелаштамхошна тІаьхьабевллачуьра юхабирзича, церан бахам дІасабоькъура исраилхоша. 54ТІаьхьо, пІелаштамхочун корта схьа а эцна, Дауда иза Ярушалайме дІабаьхьира, ткъа цуьнан тІеман гІирс цо шен четар чохь охьабиллира.

 

Даудан схьавалар Шаулна довзийтар

 

55ПІелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кІант ву?»
Абунара элира: «Дийна волчу сайх чІагІо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».
56Паччахьо элира: «Хатта, хьенан кІант ву и жима стаг».
57Дауд, пІелаштамхо эша а вина, юхавогІучу хенахь, Абунара иза Шаул волчу схьавалийра. ПІелаштамхочун корта цуьнан карахь бара. 58Шаула цуьнга хаьттира: «Жима стаг, хьо хьенан кІант ву?» – аьлла.
Дауда жоп делира: «Со Байтлахам-гІалара хьан лай волчу Юшайн кІант ву».

 

18

 

Дауд а, ЯхІуната а ши доттагІа хилла дІахІутту

 

1Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхІунатин а юкъаметтиг кхин а чІагІъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира. 2Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дІа а ца вохуьйтуш. 3ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо. 4Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхІунатас шена тІехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дІаелира. Иштта тІеман бедарш а, тур а, секхаІад а, доьхка а дІаделира цо. 5Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тІеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тІеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.

 

Шаулан хьагІ

 

6Дауда пІелаштамхо эша а вина, эскархой цІа богІучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гІаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргІанаш а, дечиг-пондарш а дара. 7Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш». 8Шаулна и дешнаш чІогІа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дІабелла, ткъа суна – эзарнаш бен. Цунна хІинца, паччахьалла тІехилчхьана, кхин хІумма а ца оьшу». 9Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогІаца хьоьжура.
10ШолгІачу дийнахь Делера долу жин цІеххьана Шаулна тІе доьссира. Иза шен цІахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. 11Цо, шен дагахь: «Аса иза хІинца пенах дІалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дІа а таьІна, иза тІехбалийтира.
12Шаул Даудах кхоьруш вара, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера. 13Шаула Дауд, шена уллора дІа а ваьккхина, шен эзар тІемалочунна тІехь хьаькам хІоттийра, иза массо а адамна хьалха эскарна тІехь куьйгалла деш а вара. 14Дауда ша мел деш долу гІуллакх кхиамца дора, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара. 15Цуьнан аьтто болуш хилар гуш волу Шаул Даудах кхоьруш вара. 16Ткъа массо а Исраил-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а къаьмнашна Дауд чІогІа везара, хІунда аьлча иза дерриг а гІуллакхна хьалхаваьлла волу дела.

 

Дауда Шаулан йоІ ялор

 

17Шаула Дауде элира: «Сайн йоккхаха йолу йоІ Мираба хьоьга маре йоуьйту аса. Хьо майра хила веза, Везачу Элан тІемаш дІа а кхоьхьуш». Шаулан дагахь дара: «Сан карах а доцуш, пІелаштамхойн карах валар хуьлийла цуьнан».
18Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цІа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дІахІоттал». 19Шаулан йоІ Мираба маре яха хан тІекхаьчча, иза махьулхочуьнга Іадриале маре яхийтира.
20Амма Шаулан вукху йоІана, Михулина, везавелира Дауд. Иза Шауле дІахаийтича, Шаулна и гІуллакх хазделира. 21Ткъа Шаул шен дагахь ойла еш вара: «Аса йоІ цуьнга маре яхийтича, цунах Даудана гур хир бу, цуьнан пІелаштамхойн карах валар а хир ду». Шаула шолгІа а Дауде элира: «ХІинца кхин а цхьа аьтто баьлла хьан соьца гергарло таса». 22Шена гонах болчаьрга Шаула элира: «Къайлаха цуьнга ала: „Хьажал, паччахь хьоьца чІогІа дика ву, цунна гонах болчарна массарна а хьо веза. ХІунда аьлча хІинца дика зама ю паччахьан нуц хилла дІахІотта“».
23Шаулан гонах болчара и дешнаш Дауде дІааьлча, Дауда жоп делира: «Шуна атта ду моьтту паччахьан нуц хила? Со къен а, ладам боцу а стаг ма ву».
24Паччахьан гонах болчара Шауле дІадийцира шайн Даудаца хилла къамел. 25Шаула элира: «ДІаала Дауде: „Паччахьна шен йоІах кхин там ца оьшу, бІе вийна пІелаштамхо бен. Уьш байа а байина, сунт а бина, уьш хадош дисина чкъоьрнаш[23] суна схьада. Иза паччахьан мостагІашна бекхам хир бу“». Цо и тайпа къамел даран бахьана Дауд пІелаштамхойн карахула хІаллакван гІертар дара. 26Паччахьна гонах болчара и къамел Дауде схьадеара. Даудана тайнера паччахьан нуц хилар. Хан йиллина денош тІекхачале, 27Дауда шен накъосташца, пІелаштамхой болчу а вахана, царах ши бІе стаг вийра. Цо паччахьна и нах ша сунтбина хиларан билгалонаш схьаеара. Шаула цуьнга шен йоІ Михула маре дІаелира.
28Шаулна хиира Веза Эла Даудаца вуйла а, шен йоІана Михулина Дауд везийла а. 29Цундела Шаул кхин а чІогІа кхоьрура Даудах. Иза цуьнан мостагІа хилла дІахІоьттира массо а ханна.
30ПІелаштамхойн баьччанаш тІамца гІевттича, Дауд массо а Шаулан тІемалойл а кхиаме тІом дІахьош хуьлура. Цуьнан цІе массанхьахула дІасаяьржира.

 

19

 

Шаул Даудана тІаьхьаволу

 

1Шен кІанте ЯхІунате а, шен гонах болчаьрга а Шаула дІахьедира, Дауд вен веза аьлла. Амма Шаулан кІантана ЯхІунатина Дауд чІогІа дукхавезара. 2Цундела ЯхІунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Іелахь. 3Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дІахІуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дІа а дуьйцур ду».
4Дика дешнаш элира ЯхІунатас Шауле Даудах лаьцна. Цо бохура: «Хьайн лай волчу Даудаца хьарам ма хилахьа. Цо хьуна дуьхьал цхьа а вон хІума ца дина, боккха пайда болуш дерг бен. 5ПІелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кІел а хІоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гІерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цІий а Іанийна, зулам даккха?»
6ЯхІунате ла а доьгІна, Шаула чІагІо йира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, Дауд лийр вац аьлла». 7Дауде схьа а кхайкхина, ЯхІунатас цуьнга шайн хилла долу къамел дІадийцира, тІаккха ЯхІунатас Дауд Шаул волчу дІавигира. Цул тІаьхьа церан юкъаметтиг хьалха санна хилла дІахІоьттира.
8Юха а тІом белира. Дауд, ара а ваьлла, пІелаштамхошца тІом бан волавелира. Дауда мостагІчунна тІехь боккха толам баьккхинчул тІаьхьа, уьш цунах дІауьдуш бара.
9Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цІахь, гоьмукъ карахь а болуш, Іаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. 10Шаулна Дауд гоьмукъца пенах дІатоха дагадеара. Амма Дауд шена тІекхоьссина болу гоьмукъ гича, каде дІаиккхира, ткъа гоьмукъ пенах чубахара. Дауд цу буьйсанна Шаулах ведда кІелхьарвелира.
11ТІаккха Шаула Даудан цІа шен тІемалой бахийтира, цунна кІело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кІелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву». 12Михулас иза корах аравалийтира. Дауд ведда кІелхьарвелира. 13Дауд вуьжучу метта Михулас цІу виллира, цуьнан гІовлангахь газанан цІока а йиллина, тІехула бедарш ехкира. 14Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира. 15Амма Шаула уьш юхабахийтира, иза муха ву хьажа. Цо цаьрга элира: «Шен меттаца иза со волчу схьавалаве соьга вейта». 16И нах Дауд дІалаца чубаьхкича, царна гира меттахь Іуьллуш волу цІу а, гІовлангахь йиллина йолу газанан цІока а. 17Шаула Михулига хаьттира: «Со хІунда левина ахьа? Сан мостагІа, дІа а хецна, вадийтина-кх ахьа».
Михулас Шауле элира: «Цо соьга, ша дІа ца вахийтахь, со юьйр ю элира».
18Дауд иштта ведда кІелхьарвелира. Цо, Шамъал волчу Раме схьа а веана, Шаула шена динарг дІадийцира. ТІаккха Дауд Шамъалца новкъа велира. И шиъ Наютахь сецира. 19Шауле хаам бира, Дауд Рама-гІаларчу Нают олучу меттехь ву аьлла. 20Шаула цига а нах бахийтира Дауд схьалаца. Уьш схьа а кхаьчна, царна Шамъал коьртехь а волуш, Делера болу хаамаш беш пайхамарш гича, царна тІе Делан Са охьадоьссира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бан буьйлабелира. 21И хаам шена схьабеача, Шаула кхин болу нах бахийтира цига. Уьш а, шовкъ а еана, иштта Делера болу хаамаш беш дІахІиттира. ТІаккха Шаула кхозлагІа а нах бахийтира. Уьш а, шовкъ а еана, Делера хаамаш бан буьйлабелира. 22ТІаккха оьгІазвахана волу Шаул ша Раме ваха новкъа велира. Иза Сехехь лаьттачу йоккхачу гІунна тІе кхечира. Цо хаьттира: «Шамъаллий, Дауддий мичахь ву?»
Цунна жоп делира: «Эцца Рамерчу Наютахь ву».
23Иза Рамерчу Наюта вахара. Цунна тІе а Делан Са доьссира. Ша дІавоьдучу хенахь иза а волавелира, Рамерчу Наюта кхаччалц, Делера болу хаамаш бан. 24Шовкъ а еана, шена тІера бедарш дІа а яьхна, Шамъална хьалха Делера болу хаамаш беш дІахІоьттира иза. Цу дийнаххьий, бусий иза тІехь хІума а йоцуш Іиллира. Цундела олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамар?»

 

20

 

ЯхІунатий, Дауддий

 

1Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхІуната волчу веара. Цо ЯхІунате хаьттира: «Ас хІун дина? ХІун харцдерг даьлла соьгара? ХІун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гІерттал?»
2ЯхІунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гІуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гІертийла цо сох хІунда лечкъор дара? И хІума хІинца хила йиш йолуш дац!»
3Дауда, чІагІо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхІунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, суний, Іожаллиний юккъехь цхьа гІулч бен цахилар».
4ЯхІунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».
5ТІаккха Дауда ЯхІунате элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Іан везаш ву. Амма ахьа со дІавахийтахьара, кхоалгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара. 6Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гІала вахана, цигахь шен гергарчара хІора шарахь цкъа доккхуш долчу сагІанехь дакъалаца“. 7Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгІазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла. 8Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хІума даьллехь, со хІинццехь вей дІаваккхахь! Хьайн дена тІе стенна вуьгу ахь со?»
9ЯхІунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»
10Дауда ЯхІунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгІазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогІур ву?»
11ЯхІунатас элира: «Вало, аренга воьду вайшиъ». И шиъ аравелира. 12ЯхІунатас Дауде элира: «Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо ас хьуна! Кхана я кхана Іийча хІоккху хенахь сайн да хьоьца муха ву хьожур ма ву со. Иза хьоьца гамо йоцуш велахь, аса хьо волчу и хабар дахьаш стаг воуьйтур ву. 13Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кІелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. 14Ткъа хьо а, со дийна висахь, Везачу Элана хьалха соьца бинчу бартана тешаме а хилахьара. Нагахь санна сан кхалхар хилахь, 15айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагІа хІаллаквина хилахь а». 16ЯхІунатас Даудан цІенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагІашна!»
17ЯхІунатас, чІагІо а еш, Даудана хаийтира шена иза мел веза, хІунда аьлча иза цунна, шен са санна, дукха везаш вара. 18ЯхІунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву. 19Цундела кхозлагІчу дийнахь хьо хьалха хиллачу метте дІагІо. Цигахь, Азал-тІулг болчохь, охьа а хаий, собар де. 20Ткъа аса, цу агІонга цхьана хІуманна хьажийча санна, кхузза секхаІад кхуссур ду хьуна. 21Цул тІаьхьа аса сайн Іодан пхерчий схьалаха кІант воуьйтур ву. Нагахь санна аса кІанте алахь: „Пхерчий хьуна тІехьа Іохку, схьаэца уьш“, – со волчу схьавола. Везачу Элах чІагІо йо ас, хьо маьрша хиларна а, хьуна цхьа а тайпана кхерам ца хиларна а. 22Амма аса кІанте: „Пхерчий хьуна хьалха Іохку“, – алахь, хьо дІагІо. Везачу Эло хьуна дІаваха пурба ло. 23Вайшиммо йина йолу чІагІонаш йиц ма е. Веза Эла царна даим а Теш ву!»
24Дауд аренгахь къайлавелира. Бутт цІинлучу хенахь хІоттош долу той дІадоладелира. Паччахь хІума яа охьахиира. 25Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дІалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхІуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра. 26Цу дийнахь Шаула хІумма а ца элира, хІунда аьлча цунна дагадеара: «Схьахетарехь, цхьа хІума хиллачул тІаьхьа, Дауд Далла хьалха цІена воцуш нисвелла». 27Бутт цІинлуш болчу денна лерина долу той дІахьочу шолгІачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТІаккха Шаула ЯхІунате хаьттира: «Юшайн кІант селхана а, тахана а тойнехь хІунда вац?»
28ЯхІунатас Шауле жоп делира: «Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гІала вахана. 29Цо соьга элира: „Сан гергарнаш сан гІалахь сагІа доккхуш бу. Сан вашас соьга дІакхайкхина. Вайшинна юкъахь гергарло делахь, со сайн вежарех кхета вахийтахьара ахьа“. Цундела иза паччахь волчу шуьне ца кхечи».
30Шаул шен кІантана чІогІа оьгІазвахара. Цо ЯхІунате элира: «Хьо хьайн лартІехь йоцучу ненах тера ву. Иза а шен лаамехь яра, хьо а иштта ву! Хьо Юшайн кІантаца гергарло лелош вуйла суна ца хаьа моьтту хьуна? И гергарло хьуна а, хьан нанна а юьхьІаьржонна хир долуш ду. 31Юшайн кІант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хІунда аьлча иза Іожаллех вер вац».
32ЯхІунатас Шауле элира: «ХІунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хІун даьлла?»
33ТІаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхІунатина хиира, Шаула Дауд вен чІагІо йинийла. 34ЯхІуната, чІогІа оьгІаз а вахана, хьалагІаьттира. Бутт цІинлучу шолгІачу дийнахь цо яа хІума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра. 35Иза, Іуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кІант а вара. 36Цо кІанте элира: «Вадий, ваха а гІой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КІант аренгахула ведда дІавахара. Амма ЯхІунатин секхаІодан пхерчий, цу кІантана тІехула а дуьйлуш, дІаоьхура. 37КІант цо пхерчий охьаэгийначу метте дІаведира. ЯхІунатас цунна тІаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Іуьллуш бу хьуна». 38Юха а кІантана тІаьхьа мохь беттара ЯхІунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кІант шен олахочунна тІевеара. 39Цунна иза хІун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхІунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьІна. 40Шен герз кІанте дІа а делла, ЯхІунатас цуьнга элира: «Вало, гІала дІахьо иза».
41КІант дІавахара. Азал-тІулгана къилбехьара йолчу агІорхьара хьала а гІаьттина, ЯхІунатина хьалха гора а хІоьттина, лаьтта кхаччалц кхузза охьатаьІира Дауд. Вовшашна обанаш а йохуш, воьлхуш вара и шиъ, амма Дауд вукхул чІогІа воьлхура. 42ЯхІунатас Дауде элира: «Марша гІойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чІагІо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тІаьхьенна а, сан тІаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». 43Хьала а гІаьттина, Дауд дІавахара, ткъа ЯхІуната гІала юхавирзира.

 

21

 

Даудан вадар

 

1Нуб-гІалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хІунда ву? Хьоьца цхьа а хІунда вац?»
2Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гІуллакх тІедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хІунда вахийтина ву а, аса хьайна тІедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. 3Ткъа хІинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кІелахь йолу яа хІума яла еза».
4Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо».
5Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама».
6Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цІа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. 7Цу дийнахь кхузахь Везачу Элана хьалха нисвеллера Шаулан ялхойх волу ДуагІа цІе йолу эдомхо. Иза Шаулан жаІушна тІехІоттийна вара. 8Дауда Ахьи-Малике элира: «ТІекхочехь гоьмукъ я тур дац хьан? Паччахьо сайна тІедиллинарг дукха сиха кхочушдан дезаш а хилла, аса сайца я тур а, я кхин йолу хІума а схьа ца эцна».
9Динан дас элира: «Ахьа Эла-тогІи чохь вийна пІелаштамхо волчу ГІолиатан хІара тур ду хьуна. Езачу ийпадна тІехьа бедаршна юккъе а хьарчийна Іуьллуш ду иза. Хьайна лаахь, иза схьаэца. Кхин хІумма а яц кху чохь».
Дауда элира: «И санна дерг кхин хир а дац. Схьало иза соьга».
10Цу дийнахь Дауд Шаулах ведда дІавахара. Иза Гати-гІалара паччахь Ахаш волчу вахара. 11Ахашан ялхоша цуьнга хаьттира: «Исраилан махкара паччахь-м вац иза? Халхарш дечу хенахь цунна лоькхуш-м яц те и эшарш: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш?»
12И дешнаш Даудан дагахь кхийтира. Цундела иза Гати-гІалин паччахьах Ахашах кхоьрура. 13Иза, паччахьна а, цуьнан ялхошна а хьалха ша хьераваьлла моттуьйтуш, волавелира. Цо неІарш тІехь яздора, шен можана тІехула шеташ охьаоьхуьйтура. 14ТІаккха Ахаша шен ялхошка элира: «Хьажал цуьнга. И стаг хьераваьлла ву. ХІунда валийна аша иза со волчу? 15Я сан хьерабевлларш кІезиг бу, суна хьалха дастама хІуманаш цуьнга леладайттал? Сан цІа чу-м вер ма хир вац иза?»

 

22

 

Динан дай байар

 

1Цигара ведда, Дауд Іадуламарчу хьеха чу вахара. Иза шайна хезча, цуьнан вежарий а, цуьнан цІийнан нах а хІара волчу баьхкира. 2Дауд волчу схьагулбелира гІело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тІехь хьаькам хилла дІахІоьттира, хІинца кхуьнца виъ бІе гергга стаг вара.
3Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицІпа-гІала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хІун до суна хаъалц». 4Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чІагІйина меттиг йолчохь мел Іа, цуьнан дай, наний цигахь Іийра.
5Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хІара лочкъийла йолчохь ма Іе. Вало, ЯхІудан махка дІагІо». Цигара дІа а ваьлла, Дауд дІавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира.
6Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаІ-гІалахь цхьана лам тІехь тамариск цІе йолу дитта кІелахь Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара. 7Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогІа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кІанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бІенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дІахІиттор ду моьтту шуна? 8Шу массо а суна дуьхьал хІунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хІунда ца аьлла, сан кІант Юшайн кІантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кІант, хІинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кІанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».
9Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагІа элира: «Суна Нуб-гІалахь гира Ахьтубин кІант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кІант. 10Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира».
11Паччахьо Ахьтубин кІанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гІалара церан цІийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира. 12Шаула элира: «ЛадогІал соьга, Ахьтубин кІант».
Вукхо жоп делира: «ЛадугІуш ву, сан эла».
13Шаула элира: «Хьой, Юшайн кІанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хІунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хІунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кІело яйта?»
14Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тІедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цІийнах болчара лоруш а ву. 15ХІинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тІехь сох а, сан цІийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хІунда аьлча цу доллучу хІуманах хьан лай волчу суна хІумма а ца хаьа».
16Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!» 17Шена уллохь лаьтташ болчу гІаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тІе куьг дахьа. 18ТІаккха паччахьо ДуагІе элира: «Ваха а гІой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагІа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра. 19Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо[24] шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ.
20Царна юкъара, Ахьтубин кІентан Ахьи-Маликан кІант волу Абу-ЯтІари бен, цхьа а кІелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дІавахара. 21Абу-ЯтІарис Дауде дІадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна. 22Дауда Абу-ЯтІарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагІ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке. 23Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гІерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Іуналла деш хир ву».

 

23

 

Дауда КъаІила-гІала кІелхьарйоккху

 

1Дауде хаам бира: «ПІелаштамхой, КъаІила-гІалина тІе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», – аьлла. 2Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пІелаштамхой?» – аьлла.
Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГІо, пІелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаІила-гІала ахьа кІелхьар а йоккхур ю».
3Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхІуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаІила-гІала а дахана, вай пІелаштамхойн эскарна дуьхьалхІиттича, кхин а кхераме хир ма ду!» 4ТІаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гІаттий, КъаІила-гІала дІагІо. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу». 5Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаІила-гІала вахара, цо пІелаштамхошца тІом а болийра, церан даьхни лаьхкина дІа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаІила-гІалара болу бахархой пІелаштамхойн баланах кІелхьарбехира.
6Ахьи-Маликан кІант Абу-ЯтІари, ведда, Дауд волчу схьавогІучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.
7Дауд КъаІила-гІалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гІорашца къовлуш долчу кевнашца чІагІйина йолчу гІали чу а вахана». 8Шен берриг а эскархой тІаме кхайкхира Шаула, КъаІила-гІалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дІалаца дагахь. 9Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хІума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтІарига элира: «Схьая и ийпад». 10Цул тІаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаІила-гІала а веана, со бахьана долуш и гІала хІаллакьян гІерта аьлла. 11КъаІила-гІаларчу бахархоша со Шаулан кара дІалур вуй теша? ВогІур вуй теша кхуза Шаул, Хьан лай волчунна ма-хаззара? Исраилан халкъан Веза Дела! Жоп лохьа Хьан лай волчунна».
Везачу Эло жоп делира: «ВогІур ву».
12Дауда хаттар дира: «КъаІила-гІаларчу бахархоша со а, соьца болу нах а Шаулан кара дІалур буй?»
Везачу Эло элира: «ДІалур бу».
13ТІаккха Дауд а, цуьнца хилла волу ялх бІе стаг а, КъаІила-гІалара ара а ваьлла, маьІ-маьІІехула лийлира. Шауле хабар кхечира, Дауд КъаІила-гІалара ведда дІавахна аьлла. ТІаккха иза, ша болийна некъ ца беш, сецира.

 

Дауд Зип цІе йолчу яьссачу арахь

 

14Зип цІе йолчу яьссачу арахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хІора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. 15Даудана гуш дара, Шаул ша вен араваьлла хилар. Цу хенахь Дауд Зип олучу яьссачу арахь йолчу Хьорша цІе йолчу меттехь вара. 16Иза волчу веара Шаулан кІант ЯхІуната. Цо Дауд иракарахІоттийра, Делах тешарца чІагІло аьлла. 17Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тІекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгІа меттиг дІалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду». 18Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхІуната шен цІа вахара. 19Шаул волчу ГебаІ-гІала баьхкира зипахой. Цара элира: «Дауд тхо долчохь чІагІйинчу меттигашкахь: Хьорша олучу меттехь а, Яшимунна къилбехьа Іуьллуш болчу Хьахила-барза тІехь а дІалечкъаш лелаш ву. 20Хьайн даго билгалъяьккхинчу хенахь дІавола, ткъа тхуна тІехь иза хьан кара дІавалар ду».
21Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела. 22Даха а гІой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чІогІа хІилла долуш ву аьлла. 23Иза мичахь хуьлу, мичахь дІалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТІаккха со а вогІур ву шуьца. Иза кху лаьтта тІехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхІуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».
24Уьш Шаулал хьалха Зипе дІакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаІун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дІа къилбехьа, Іариба-тогІенахь, Іуьллуш яра. 25Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тІе а вахана, МаІун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тІаьхьа МаІун-аренга вахара. 26Шаул ломан цхьана агІонгахула дІавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агІор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара. 27Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПІелаштамхой вайн махкана тІелетта!» 28И хаам шега схьакхаьчначул тІаьхьа, Шаул пІелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тІаьхьаваьллачуьра дІа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаІ-ХІамахьлекхут аьлла, цІе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).

 

24

 

Дауда Шаул дийна вуьту

 

1Цигара ша дІавахча, Дауд, Іейн-ГІади йолчу а вахана, цигахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара. 2Шаул пІелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Іейн-ГІади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла. 3Иза, массо а ЯхІуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгІар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цІе йолчу меттигна уллохь дара. 4Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагІий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гІуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Іаш бара. 5Даудаца болчара цуьнга элира: «ХІара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагІа хьан кара дІалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гІаьттина, Шаулан тІехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра. 6Ша и хІума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана. 7Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тІе куьг дахьар, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву». 8Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тІе куьг ца кховдадойтуш.
Ткъа Шаул, хьала а гІаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тІе велира. 9Дауд а хьалагІаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тІаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, гора хІоьттира. 10Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гІерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хІунда дугІу ахьа? 11Тахана хьан бІаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тІе куьг хьур дац, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. 12Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХІинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хІума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тІаьхьаваьлла ву, иза дІадаккха лууш. 13Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох. 14Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тІе куьг хьур дац. 15Хьанна дуьхьалваьлла Исраилан паччахь? Хьанна тІаьхьаваьлла лелаш ву хьо? Деллачу жІаьлина тІаьхьаваьлла, цхьана сагална тІаьхьаваьлла? 16Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тІе а хьаьжна, сан гІуллакх къастор ду, со хьан куьйга кІелхьара схьа а воккхуш».
17Дауд и дешнаш дІааьлла ваьллачул тІаьхьа, Шаула цуьнга элира: «Хьан аз дуй иза, сан кІант Дауд?» Цул тІаьхьа Шаул мохь туххуш велха волавелира. 18Цо Дауде элира: «Хьо сол бакъ ву, хІунда аьлча хьо суна дика деш схьавеана, ткъа аса хьуна вонаш дина. 19Тахана ахьа иза гайти. Везачу Эло со хьайн кара дІавелла воллушехь, сох къинхетам а бина, ахьа со вен ца вийра. 20Хьан вохуьйтур вара шен мостагІа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дІа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш. 21Суна хІинца хаьа паччахьалла хьоьгахь хир дуйла а, Исраилан пачхьалкх хьан карахь чІагІъелла дІахІуттур юйла а. 22Ткъа хІинца Везачу Элан цІарах дуй баа беза ахьа суна, со веллачул тІаьхьа сан хІу айхьа хІаллакдийр дац аьлла а, сан ден доьзалан цІе йовр яц аьлла а». 23Дауда Шаулна и чІагІо йира.
Шаул шен цІа вахара, ткъа Дауд шеца болчаьрца шаьш чІагІйинчу меттиге хьалавелира.

 

25

 

Дауддий, АбигІаллий

 

1Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дІаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чІогІа халахетарца иза шен цІахь, Рамехь, дІавоьллира цара.
Дауд, хьала а гІаьттина, лам тІера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира. 2МаІунахь Іаш чІогІа вехаш волу цхьа стаг вара. Цуьнан хІусамех цхьаъ Кармал-юьртахь яра. Цу стеган долахь кхо эзар уьстаггІий, цхьа эзар газий яра. Иза Кармал-юьртахь шен жа лоргучохь вара. 3Цу стеган цІе Набал яра, цуьнан зудчун цІе АбигІал яра. ЧІогІа хьекъал долуш а, юьхь тІера хаза а яра и зуда, ткъа и стаг чІогІа къиза а, дера а вара. Иза ша Килабан тІаьхьенах вара. 4Цу яьссачу аренгахь Даудана хезира, Набал шен уьстагІий лоргуш ву аьлла. 5Дауда итт жима стаг вахийтира, царна тІе а дуьллуш: «Кармал-юьрта чу а довлий, Набал волчу а гІой, сан цІарах салам-маршалла дІало цуьнга. 6Набале иштта ала: „Маьрша хуьлда хьо, маьрша хуьлда хьан мел долу хІума а. 7Суна дукха хан йоццуш хезнера, хьо волчохь уьстагІий лоргуш ду аьлла. Тхоьца болу хьан жаІуй оха охьа а ца теІийнера, церан цхьа а хІума ян а ца яйнера, уьш тхоьца Кармал-юьрта уллохь болчу хенахь. 8Хьайн ялхошка хатта мегар ду хьуна иза, цара эр ду хьоьга цунах лаьцна бакъдерг. Хьо а хилахьара къинхетаме аса дІабахкийтинчу кегийчу нахаца: тхо той хІотточу дийнахь даьхкина хьуна. Хьайн куьйгана карош ерг лохьа хьайн лешна а, хьайн кІант волчу Даудана а“».
9Дауда бахийтинчара Набале и къамел Даудан цІарах дІадира, тІаккха уьш тап-аьлла дІатийра. 10Амма Набала Даудан ялхошка реза воцуш жоп делира: «Дауд мила ву? Мила ву Юшайн кІант? ТІаьхьарчу хенахь дукха лай бевлла, шайн олахойх уьдуш болу. 11УьстагІий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дІадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!»
12Дауда бахийтина болчара, шаьш дІабаханчу новкъахула юха а баьхкина, шайна хезна долу дешнаш Дауде дІадийцира. 13ТІаккха Дауда шен нахе элира: «ХІораммо а шен юкъах тур дІадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дІадихкира шен юкъах тур. Виъ бІе стаг Даудана тІаьхьахІоьттира, ткъа ши бІе стаг шаьш схьаеана йолчу хІуманашна уллохь сецира.
14Набалан зудчуьнга АбигІале церан цхьана ялхочо хаам беш элира: «Дауда яьссачу аренгара шен векалш бахкийтинера вайн олахочуьнга маршалла хоттуш, амма цо уьш, чІогІа юьхь йоцуш вист а хилла, дІабахийти. 15И нах тхоьца чІогІа дика бара, цара тхо хьийза а ца дора. Уьш тхуна уллохь арахь болчу хенахь тхан цхьа а хІума а ца яйнера. 16Оха царна уллохь даьхни дажочу хенахь уьш, тхо лар а деш, Іалаш а деш, гобаьккхина болу пен санна лаьттара. 17Ойла а яй, хьажа вай хІун дан деза, хІунда аьлча вайн олахо а, цуьнан дерриг цІа а кхерамехь ду. Амма иза чІогІа вон стаг ву, цуьнга цхьа а вистхила ца ваххьал».
18ТІаккха АбигІала катоьхна ши бІе бепиг а, чохь чагІар долу ши пІаьлдиг а, кечбина болу пхи уьстагІ а, пхи сахь кхерзина кІен буьртигаш а, бІе курс кишмаш а, Іаьвдина инжирийн ши бІе курс а схьа а эцна, сихонца уьш варрашна тІеехкира. 19Цо шен ялхошка элира: «Суна хьалха а довлий, дІагІо, со тІаьхьа йогІур ю шуна». Набале цо хІумма а ца элира.
20АбигІал, вир тІе а хиъна, ломарчу тача-некъахула охьайогІуш, некъ дІабоьрзучу меттехь цунна дуьхьалкхийтира Дауд а, цуьнца болу нах а. 21Цул хьалха Дауда аьллера: «Аса яьссачу аренгахь эрна лардина хилла цу стеган хьал, цунна тІера цхьа а хІума гал а ца долуьйтуш. Диканна дуьхьал вон доккху цо. 22Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла сан мостагІашна[25], кханалера Іуьйре тІекхачале, аса Набалан цІентІера цхьа а боьрша стаг дийна витахь».
23Дауд шена гича, АбигІал, сихха вирана тІера охьа а йоьссина, Даудана хьалха гора юьйжира, лаьтта кхаччалц шен корта охьа а таІош. 24Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тІехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догІахьара. 25Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цІе иштта хиларе терра – ша а ма ву иза. Цуьнан цІе, Набал, „Іовдал“ бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Іовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина. 26Ткъа хІинца, сан олахо, дийна волчу Везачу Элах а, хьох а чІагІо йо ас, Везачу Эло хьоьга цІий Іана ца дайтина а, бекхам ца байтина а хиларна, хьан мостагІий а, хьуна дуьхьал мостагІалла лелош берш а Набал санна хилла дІахІуьттийла! 27ХІара совгІаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гІуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дІадала. 28Хьан лай йолчу суна къинтІера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тІаьхье билггал чІагІйина дІахІоттор ю, хІунда аьлча Везачу Элан тІемаш схьабахьаш вогІуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. 29Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дІадихкина хир ду, ткъа хьан мостагІийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дІакхуссур ду. 30Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тІе баьчча вина дІахІоттор ву. 31Ша бехк боцучеран цІий Іанийна аьлла а, иштта бекхам ца беш, кІелхьарваьлла аьлла а, чов хир яц сан олахочун дага тІехь. Везачу Эло сан олахочунна дика дича, хьан лай ерг хьуна дагайогІийла».
32Дауда АбигІале элира: «Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, хьо хІинца суна дуьхьал яийтина волчу! 33Декъала хуьлда хьан хьекъал а, хьо-хьуо а, бекхам беш соьга эрна цІий ца Іанадайтина йолу. 34Амма дийна волчу а, соьга хьуна зулам ца дайтина волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо ас, тахана хьо сихъелла суна дуьхьал еана ца хиллехь, Набалан цІийнах волу цхьа а боьрша стаг кханалерчу Іуьйренга ваьлла хир ма вацара». 35Дауда цуьнан карара цо еана йолу хІуманаш схьаийцира. Цо элира: «Маьрша хьайн цІа дІагІо. Хьоьга ла а доьгІна, аса хьан юьхь ларйина».
36АбигІал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цІахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чІогІа вехна а вара. Іуьйре тІекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигІала Набале. 37Іуьйранна, Набал метта веанчу хенахь, зудчо дерриге а дІадийцира цуьнга. Дог чІогІа тохаделла, иза, тІулг санна, чІагІвелла дІахІоьттира. 38Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира.
39Даудана, Набал велла аьлла, дІахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьІаьржачу хІотто гІиртина волчу Набална таІзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кІелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тІе дерзийна».
АбигІале, иза шена маре дІаюьгу ша аьлла, дІаала бахийтира цо. 40Даудан ялхоша, АбигІал йолчу Кармала а баьхкина, цуьнга элира: «Дауда дахкийтина тхо хьо шена маре дІайига».
41Цо, хьала а гІаьттина, корта лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, элира: «Хьан лай кийча ю шен элан ялхойн когаш била а». 42АбигІал, сихонца кеч а елла, вирана тІехиира. Цунна тІаьхьахІоьттина пхи ялхо яра. Дауда бахкийтинчаьрца дІа а яхана, цуьнан зуда хилла дІахІоьттира иза.
43ИзраІал-юьртара АхьнуІмат а дІайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира. 44Ткъа Шаула Даудан зуда йолу шен йоІ Михула Галламерчу Лайшин кІант волчу Палтиале дІаелла хилла.

 

26

 

Дауда юха а къинхетам бо Шаулах

 

1Зипахоша, Шаул волчу ГебаІе а баьхкина, элира: «Дауд тхо долчохь, Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тІехь, къайлаваьлла лелаш ву». 2Шаул, хьала а гІаьттина, Зип олучу яьссачу аренга охьавеара. Цуьнца цхьаьна исраилхошна юкъара тоьлла волу кхо эзар тІемало а вара. Уьш Зипахь Дауд лаха арабевллера. 3Шаул Яшимунан дозанна уллохь болчу Хьахила-барза тІехь сецира, некъана генахь воццуш. Ткъа цу арахь Іаш волчу Даудана гуш дара, Шаул шена тІаьхьавеана хилар. 4Дауда, цига шен тергамча а вахийтина, ладоьгІча, цунна хиира и веанарг билггал Шаул вуйла. 5Хьала а гІаьттина, Шаул шен эскарца сецначу метте вахара Дауд. Цунна гира Шаул а, цуьнан эскаран хьаькам волу Неран кІант Абунар а вижина Іуьллуш йолу меттиг. Шаул четар чохь вижина Іуьллуш вара, ткъа цуьнца долу адам цу четарна гонах шайн четарш чохь дара.
6Дауда хьетахо волчу Ахьи-Малике а, Йоабан ваша волчу Царуятан кІанте Абушайга а элира: «Мила вогІу соьца Шаулан меттаматте?»
Абушайс элира: «Со вогІур ву хьоьца».
7Дауд Абушайца цхьаьна буьйсанна уьш болчу вахара. Царна гира четар кІелахь вижина Іуьллуш волу Шаул. Цуьнан гоьмукъ гІовланна уллохь лаьттах боьллина бара. Абунар а, вуьш а гонах бийшина Іохкуш бара. 8Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагІа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дІалатавайтахьа. Аса цунна шолгІа тухур яц хьуна».
9Амма Дауда Абушайга элира: «Ма ве иза. Мила висина Везачу Эло къобалвинчунна тІе куьг даьхьнарг бекхам ца хуьлуш? 10Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тІекхочур ду, я, тІам тІе а вахана, цигахь лийр ву иза. 11Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тІе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гІовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дІагІур ду вай». 12Дауд, Шаулан гІовлангара гоьмукъ а, цигахь чохь хи а долуш лаьттина йолу кхаба а схьа а эцна, ша хиллачу дІавахара. Уьш кхуза баьхкинийла цхьанна а хаа а ца хиира, цхьа а сама а ца велира, хІунда аьлча царна тІегІоьртинарг Везачу Элера йолу наб яра.
13ТогІин дехьа агІор а ваьлла, геннахь лаьтташ болчу гунна тІе а ваьлла, дІахІоьттира Дауд. Царна юкъахь йоккха меттиг яра. 14Дауда халкъе а, Неран кІанте Абунаре а, мохь туххуш, элира: «Жоп ло, Абунар!»
Абунара, жоп луш, элира: «Хьо мила ву, мохь а бетташ, паччахьна новкъарло ян?»
15Дауда Абунаре элира: «Къонах вац хьо? Исраилан махкахь хьоьца нисвала мила ву? ХІунда ца ларво ахьа паччахь волу хьайн олахо? Халкъана юкъара цхьа стаг веанера шу долчу хьан паччахь волу олахо вен. 16Йоккха ледарло яьлла хьоьгара. Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, Цо къобалвинарг аша лар ца варна шу дайа бен ца деза. Хьажал, мичахь бу паччахьан гІовлангахь хилла болу гоьмукъ а, чохь хи лелош йолу цуьнан кхаба а?»
17Шена Даудан аз девзича, Шаула элира: «Хьан аз дуй иза, сан кІант Дауд?»
Дауда элира: «Сан аз ду, сан паччахь волу олахо».
18Цо кхин а тІетуьйхира: «Муьлхачу бахьанина ваьлла сан эла шен лай волчунна тІаьхьа? ХІун даьлла соьгара? Стенна бехке ву со? 19ХІинца мукъана а ладогІахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгІазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогІу сагІа дІаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгІазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неІалт хилла дІахІуьттийла уьш, хІунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тІера хьала а гІаттийна, олуш ду: „Ваха а гІой, хийрачу къаьмнийн деланашна Іамал е“, – аьлла. 20Везачу Элана геннахь долчу лаьтта тІе сан цІий ма Іанадайтахьара ахьа. Исраилан халкъан паччахь цхьа сагал лаха араваьлла, лаьмнашкахь цхьана мошанна тІаьхьабевлла леларш санна».
21Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦІа верза, сан кІант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хІуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош».
22Дауда, жоп луш, элира: «ХІара бу шуна паччахьан гоьмукъ. Цхьа жима стаг схьаваийта, хІара дІабахьа. 23Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хІораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тІе куьг дахьа ца лиира суна. 24Тахана сан бІаьргашна хьалха хьан дахар суна деза ма-хеттара, сан дахар а хуьлийла Везачу Элан бІаьргашна хьалха. Со массо а бохамех Цо кІелхьарвоккхийла!»
25Шаула Дауде элира: «Дала декъалбойла хьан некъ, сан кІант Дауд. Мел долу гІуллакх кхочушдан аьтто хир бу хьан».
Дауд шен новкъа дІавахара, ткъа Шаул шен цІа юхавирзира.

 

27

 

Дауд пІелаштамхой болчохь Іа

 

1Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пІелаштамхойн лаьтта тІе ведда дІавахар ду. ТІаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тІаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кІелхьара дІавер ву». 2Хьала а гІаьттина, Дауд, шеца волу ялх бІе стаг а эцна, Гати-гІалахь паччахь волу МаІухин кІант Ахаш волчу вахара. 3Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гІалахь ваха хиира, хІора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра – израІалхо йолу АхьнуІмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а. 4Шауле, Дауд Гати-гІала ведда дІавахана аьлла, хабар дІакхечира, тІаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира. 5Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гІалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Іийр вара. Хьан лай хІунда Іан веза хьоьца нийсса паччахь Іачу гІалахь?» 6Ахаша цунна ЦакхелагІ олуш йолу гІала елира. Цундела ЦакхелагІ таханлера де тІекхаччалц а яхІудхойн паччахьийн карахь йисина. 7Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пІелаштамхойн махкахь.
8Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Іамалекхахошний тІелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гІалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тІекхаччалц дехаш хилла.) 9Церан бахам (уьстагІий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тІеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТІаккха иза Ахаш волчу схьавогІуш хилла. 10Ахаша хоттура Дауде: «ХІинца хьанна тІелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегІаб арахь болчу ЯхІуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Іаш болчу кхенахошна». 11Дауда я стаг а, я зуда а дийна ца дуьтура. Цо уьш Гати-гІала схьа а ца балабора. Дауда ойла йора: «Цара, вайна мотт тухуш, ала мега: „ХІара зулам Дауда дира“, – аьлла. Дауда ша пІелаштамхойн лаьттахь мел яьккхина йолу хан иштта лелаш яьккхира». 12ТІаккха Ахаш Даудах тийшира. Шен дагахь цо бохура: «Иза шен Исраилан халкъана бІаьрга ван ца веза. И бахьана долуш иза, схьахетарехь, гуттаренна а сан ялхо хир ву».

 

28

 

ПІелаштамхой тІамана кечлуш бу

 

1Цу заманчохь пІелаштамхоша шайн эскар кечдина хилла Исраилан халкъаца тІом бан. Ахаша Дауде элира: «ДІахаалахь, хьо а, хьоьца болу нах а соьца цхьаьна гІовтта безийла».
2Дауда Ахаше элира: «ХІинца хуур ду хьуна хьан лай волчуьнга хІун далур ду».
Ахаша Дауде элира: «ТІаккха аса хьох массо а ханна сайн ларвархо вийр ву».

 

Шаул адамийн синош тІедоьху зуда йолчу вахар

 

3Шамъал кхелхинера. Дерриг а Исраилан халкъ цунна тІаьхьа доьлхуш хиллера. Иза ша ваьхна йолчу Рамехь дІавоьллинера. Ткъа адамийн синош тІедоьхуршший, пал туьйсуршший шен пачхьалкхера лаьхкина дІабахийтинера Шаула.
4ПІелаштамхоша, вовшах а кхетта, шайн меттамотт Шунамехь дІахІоттийра. Шаула а схьагулдира дерриг а Исраилан эскар. Уьш ГилбаІ-ломахь схьагулбелла дІахІиттира. 5Шена пІелаштамхойн эскар схьагича, Шаул воьхна хьаьвзира, цуьнан дага чу кхерам буьйжира. 6Цо Везачу Эле хаттарш дора, амма Иза цунна набарха а, Урим олучу безачу тІулгаца а, пайхамаршкахула а жоп луш вацара. 7ТІаккха Шаула шен ялхошка элира: «Схьалаха суна деллачу адамийн синош тІедоьху зуда, аса цуьнга хоттур ду».
Ялхоша цуьнга жоп делира: «Іейндар-гІалахь Іаш ю адамийн синош тІедоьху зуда».
8Шена тІера бедарш дІа а яьхна, кхин бедарш тІеюьйхира Шаула. Иза, кхин ши стаг а волуш, буьйсанна и зуда йолчу вахара. Шаула цуьнга элира: «Аса дехар до хьоьга, суна пал а тасий, аса хьайга вийцинарг со волчу схьакхайкхахьара ахьа».
9Амма зудчо цуьнга жоп делира: «Хьуна хууш ма ду Шаула динарг. Цо пал тосуш берш а, адамийн синош тІедоьхуш берш а махках ма баьхна. Хьо со ейта суна гур бугІуш ву».
10Шаула, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьуна и хІума бахьана долуш цхьа а тайпана зулам хир ма дац».
11ТІаккха зудчо хаьттира: «Аса хьаьнга кхайкха хьуна?»
Цо элира: «Шамъале кхайкха».
12Шена Шамъал гича, зудчун мохь белира. Цо Шауле элира: «Со стенна лейо ахьа? Хьо Шаул ма ву».
13ТІаккха паччахьо цуьнга элира: «Кхера ма ло. ХІун го хьуна?»
Зудчо элира: «Суна лаьттара хьаладолуш цхьа жин го». 14«Муха ду цуьнан сибат?» – хаьттира цуьнга Шаула.
Цо элира: «Лаьттара хьалаволуш, тІехь еха бедарш а йолуш, воккха стаг ву».
ТІаккха Шаулна хиира иза Шамъал вуйла. Шен юьхь лаьттах хьакха а йолуьйтуш, цо цунна корта туьйхира.
15Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хІунда кхойкху хьо?»
Шаула элира: «Суна чІогІа хала ду. ПІелаштамхой суна дуьхьал гІевттина тІамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гІенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала».
16Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагІа хилла дІахІоьттина хилча? 17Везачу Эло соьгахула Ша дийр ду аьлларг дийр ду. Цо, хьан карара паччахьалла схьа а даьккхина, хьуна уллохь хиллачу Дауде дІаделла. 18Везачу Эло бохучуьнга ахьа ла ца дуьйгІира. Іамалекхахошна чІогІа оьгІаз а вахана, Цуьнан омра кхочуш ца динера ахь, цундела тахана Везачу Эло хьуна иза до. 19Везачу Эло пІелаштамхошка Исраилан халкъана тІехь толам боккхуьйтур бу. Кхана хьо а, хьан кІентий а соьца хир бу. Исраилхойн эскар кхана пІелаштамхойн карахь хир ду».
20ТІаккха Шаул, цІеххьана вахвелла, охьавуьйжира. Иза чІогІа кхеравелира Шамъала шега аьллачу дешнех. Цуьнгахь гІора дацара, хІунда аьлча цо цу дийнаххьий, бусий яа хІума ца йиънера. 21И зуда Шаулна тІееара. Цунна гира иза чІогІа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина. 22ХІинца аса доьху хьоьга, ахьа а ладогІахьара хьайн лай йолчо бохучуьнга. Аса хьуна цхьажимма хьокхам лур бу, иза баахьара ахьа. Новкъа ваьлча, хьоьгахь ницкъ хир бара».
23Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира. Шаула элира: «Аса хІума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хІума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гІаьттина, иза метта охьахиира. 24Цу зудчун цІахь дустийна эса дара. Сихха иза ден а дийна, дама схьа а эцна, бод а хьакхийна, совсоза долу хьокхамаш дира цо. 25Шаулна а, цуьнан ялхошна а яа хІума хІоттийра цо. Шайна хІума а кхаьллина, уьш цу буссехь, хьала а гІевттина, дІабахара.

 

29

 

ПІелаштамхоша Дауд юхатотту

 

1ПІелаштамхоша шайн мел долу эскар Апакхахь схьагулдира, ткъа исраилхой ИзраІал цІе йолчу гІалина уллохь долу хьоста долчу дІахІиттира. 2ПІелаштамхойн элийн эскар шайн бІе а, эзар а тІемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богІуш бара, ткъа Дауд шен тІемалошций, Ахашций цхьаьна тІаьхьасецна вогІуш вара. 3ПІелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хІун Іебархой бу?»
Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц суна цхьа а вон хІума ца даьлла цуьнгара».
4Цунна чІогІа реза боцуш хьаьвзира пІелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДІавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Іайта иза. Тхоьца тІамтІе а ма ваийта, цунах вайна мостагІа ма хилийта. ХІун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду. 5Халхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда – итт эзарнаш“, – бохуш йолу йиш?»
6Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чІагІо йо ас: хьо цІена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хІума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц. Амма пІелаштамхойн элашна хьо дика ца хета. 7Цундела, элий оьгІаз ца бахийта, маьрша юхаверза».
8Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хІун даьлла? ХІун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагІашца тІом бан?»
9Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бІаьргашна хьалха хьо цІена ву, Делан малик санна. Амма пІелаштамхойн элаша: „Вайца иза тІамтІе ма ваийта“, – аьлла. 10Цундела, Іуьйранна хьала а гІаттий, хьо а, хьоьца баьхкина болу хьан ялхой а сирла йолчу хенахь дІагІо».
11Дауд а, цуьнца схьабаьхкинарш а Іуьйранна пІелаштамхойн махка юхабирзира. Ткъа пІелаштамхой ИзраІал цІе йолчу гІала дІабахара.

 

30

 

Іамалекхахой ЦакхелагІана тІелета

 

1КхозлагІчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагІ-гІала. Ткъа Іамалекхахоша, НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагІана тІе а летта, гІала ягийнера. 2Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дІавигнера. 3Дауд а, цуьнца хилларш а гІала схьакхаьчча, царна гира цІарца ягийна Іуьллуш йолу гІала, ткъа кхеран зударий а, кІентий а, йоІарий а йийсаре дІабигнера. 4ЧІогІа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш. 5Йийсаре дІайигнера Даудан ший а зуда: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигІал а.
6Шайна тІекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кІентий а, йоІарий а дІабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тІе тІулгаш детта гІерташ дара. И хІума бахьана долуш чІогІа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чІагІвелира. 7Цо динан да волчу Ахьи-Маликан кІанте Абу-ЯтІарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтІарис Даудана тІе иза схьаеара. 8Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТІаьхьаваха везий со цу мостагІийн цІазана? ТІаьхьакхуьур вуй со царна?»
Цуьнга жоп кхечира: «ТІаьхьавала. ТІекхочур ву хьо, уьш схьа а бахалур бу хьоьга».
9Шеца ялх бІе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Іовраш йолчу кхечира. КІадбелларш цигахь севцира. 10Виъ бІе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дІавахара. Ткъа важа ши бІе стаг, шаьш чІогІа кІадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Іоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира. 11Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хІума а, хи а делира цара. 12Цара мисархочунна Іаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дІадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хІума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара. 13Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогІуш ву?»
Цо жоп делира: «Со мисархо ву, цхьана Іамалекхахочун лай а ву. Цо со дІатесна, кхо де хьалха со цомгуш хилла дела. 14Тхо кератхойн а, ЯхІудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегІабахь болчу мехкашна тІегІоьртинера, ткъа ЦакхелагІ оха цІарца ягийра».
15Дауда цуьнга элира: «ДІавуьгур вуй ахьа со мостагІийн цІоз долчу?»
Цо элира: «Делах дуй баа суна, ахьа со вуьйр вац аьлла а, со сан олахочун кара дІалур вац аьлла а. ТІаккха аса хьо мостагІийн цІазана тІе вуьгур ву». 16Цо уьш цига дІабигира.
Іамалекхахой цу меттигехула дІаса а баьржина, дууш, молуш бара, пІелаштамхойн махкара а, ЯхІуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хІонсах баккхий а беш. 17ШолгІачу дийнахь Дауд тІелетира царна. Іуьйранна дуьйна царна тІеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кІелхьара ца велира, эмкалшна тІе а хиъна, ведда дІавахана волу виъ бІе жима стаг воцург. 18Цара дІа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо. 19Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кІант а, йоІ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Іамалекхахоша дІадаьхьна долу. 20Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дІадигира уьш. Наха бохура: «ХІара Даудан хІонс ю».
21Шаьш Бачор олуш йолу хин Іовраш йолчохь, гІел а велла, витина волу ши бІе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТІе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира. 22ТІаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хІумма а лур яц. ХІора стаг, шен зуда а, бераш а дІа а эций, дІагІо».
23Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хІара хІума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагІийн цІоз вайн кара схьа а делла, вай кІелхьардаьхна. 24Цу тІехь шуна мила тІетовр ву? ТІамтІе баханчарна санна, дакъа догІу тІеман гІирс ларбеш Іийначарна а: хІума массарна а юкъахь декъа деза». 25Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дІахІоттийра. Иза хІара де тІекхаччалц схьадогІуш а ду.
26Дауд ЦакхелагІа юхавеара. Ша тІамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхІуд-махкарчу къаной болчу доттагІашна. Цо элира: «ХІара ду шуна Везачу Элан мостагІашкара схьадаьккхинчух долу совгІат». 27Цунах дакъа Бетал-гІалахь болчаьрга а, НегІабан Рамате а, Итар-гІала а, 28ІаруІера а, Чапмут-гІала а, ЭштамуІа а, 29Рахал-гІала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гІаланашка а, 30Хьорме а, Бор-Іашуна а, Іатах-гІала а, 31Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.

 

Шаулан а, цуьнан кІентийн а кхалхар

 

(1 Шерашкахь 10:1-12)

 

31

 

1ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира. 2Шаулна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьа а бевлла, пІелаштамхоша цуьнан кІентий ЯхІуната а, Абинадаб а, МалкишаІ а байира. 3Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. Къаьсттина чІогІа кхарна ницкъ бора секхаІад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. 4Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. 5Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тІе а вогІавелла, велира. 6Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. 7ИзраІал-тогІина къилбаседехьа Іаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Іаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тІемалой бевдда дІабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дІабахара. Ткъа пІелаштамхой, церан ярташ дІа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира.
8ШолгІачу дийнахь пІелаштамхой байина Іохкуш болчарна тІера мехала йолу хІуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаІ-лам тІехь хиллачу тІамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кІентан а декъий карийра, 9Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пІелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дІакхачийра, иштта хаам бира шайн цІуш дІахІиттийна долчу динан цІенош долчу а. 10Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Іаштартана дина долчу динан цІа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тІе дІатуьйхира.
11ГалІадарчу Явеш-гІалара болчу бахархошна дІахезира пІелаштамхоша Шаулна динарг. 12Массо а майра стаг гІаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тІера охьа а даьхна, Явеш-гІала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. 13Церан даьІахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гІалахь тамариск цІе йолчу дитта кІелахь дІайоьхкира. ВорхІ дийнахь марха кхебира цара.

 

 

 

Дауд

Паччахьаллех лаьцна шолгІа тептар:

 

Дауд-паччахь

 

Дешхьалхе

 

Паччахьаллийн гІуллакхийн шолгІачу тептар тІехь кхидІа а дуьйцуш ду Паччахьаллийн гІуллакхийн хьалхарчу тептар тІехь долийнарг. Тептаро дуьйцу Дауд паччахь хилла дІахІоьттинчу заманах лаьцна. Цкъа-делахь, Дауд къилбехьа болчу ЯхІуд-махкана тІехь паччахь хиларх лаьцна ду (1–4 кортош), шолгІа-делахь иза, къилбаседехьа болу Исраил-мохк чу а богІуш, дерриг а къомана тІехь паччахь хиларх лаьцна а ду (5–24 кортош). ЧІогІа говзачу дешнашца дуьйцуш ду Дауда къомана юкъахь болчу а, хийрачу а мостагІашца тІом бан безаш хиларх, шен пачхьалкх шоръярхьама а, иза чІагІъярхьама а. Гойтуш ду Даудан Делах тешар чІогІа хилар а, цо чІогІа Дела лоруш хилар а. Цул сов, шен къам шена тешаме хилийта а аьтто хилла цуьнан. Вукху агІор яздархочо гойту цкъаццІа иза къиза хилар а, шен лаамаш а, Іалашонаш а бахьанехь цо даккхий гІалаташ довлийтар а. Амма Везачу Элан пайхамар волчу Натас Дауде цуьнан къиношка цуьнга тидам бойту. Дауд царна къера а хуьлу, Дала даийтина таІзар цо тІе а оьцу.
Дауд-паччахьан дахаре а, цо динчу гІуллакхашка а боккха ларам болуш дара Исраилан халкъ. ТІаьхьарчу баланечу шерашкахь, нах кхин паччахь варе хьоьжучу хенахь, цара цу хинволчу паччахьах «Даудан кІант» олура, хІунда аьлча иза Даудах тера волу, цунах схьаваьлларг хин волу дела.

 

1

 

Даудана Шаул веллийла хаьа

 

1Іамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тІаьхьа, цо ЦакхелагІахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тІаьхьа дара. 2КхоалгІачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТІера бедарш а этІийна, коьрта тІе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. 3Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла.
Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тІом бинчу меттера кІелхьарваьлла схьавеана».
4ТІаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь? Схьадийца соьга».
Цу стага жоп делира: «ТІом баьллачуьра дукха адам дедда дІадахана. Царах дукхахберш, байина, хІаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а вийна».
5ТІаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а веллийла?»
6Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаІ олучу лам тІехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тІе таьІна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гІудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тІекхаьчна богІуш бара. 7Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугІуш ву“, – аьлла. 8Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Іамалекхахо ву“. 9ТІаккха цо соьга элира: „ТІе а волий, со, вей, дІаваккха! Со валлал чІогІа Іазапехь ву, суна чохь са делахь а“. 10ТІаккха, тІе а вахана, аса иза вийра, хІунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тІаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тІера хІоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».
11Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тІера бедарш этІийра, и хІума чІогІа халахетарна. 12Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хІума ца юуш Іийра, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цІа а бахьана долуш, уьш мостагІийн туьро хІаллакбина дела.
13Дауда и хІума шена дийцина волчу жимачу кІанте хаьттира: «Хьо мичара ву?»
Цо жоп делира: «Со тІевеана волчу Іамалекхахочун кІант ву».
14ТІаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тІе куьг а даьхьна, иза вен?» 15Цул тІаьхьа, цхьа жима стаг тІе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТІе а волий, иза ве». Цо иза вийра. 16Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».

 

Шаулах а, ЯхІунатех а лаьцна йолу Даудан назма

 

17Дауд Шаулний, цуьнан кІант волчу ЯхІунатиний вилхира, назма а олуш. 18Цо омра дира яхІудхошка, секхаІад цІе йолу и назма[1] Іамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тІехь дІаязйина ю). Цо элира:

 

 

19«Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тІехь йоьжна!
Ма ийгир-кх и ницкъ берш!
20Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гІалахь,
Ашкхилунан урамашкахь дІа а ма кхайкхаделаш,
пІелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта,
сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.

 

21ГилбаІан лаьмнаш!
Я тхи а, я догІа а ма дужийла шуна тІе!
Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тІехь,
хІунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь,
Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!
22ЯхІунатас шен секхаІодаца пхерчий кхиссича,
мостагІчун цІий Іожаллина Іенира.
Шаула шен тур майрачунна тоьхча,
тІингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.

 

23Шаул а, ЯхІуната а,
шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара,
Іожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех.
Аьрзунел сиха а,
лоьмел ницкъ болуш а
вара и шиъ.

 

24Исраилхойн мехкарий!
Шаьш таьІна-цІен бедаршца кечдеш,
дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тІаьхьа делхалаш.

 

25Ма хІаллакьхили и къонахий тІеман аренгахь!
Ма вийна-кх ЯхІуната, лакхенашкахь Іуьллуш волу!

 

26Ма гІайгІане ву со, сан ваша ЯхІуната!
Суна хьо чІогІа хьомсара вара.
Зударийн соьца болчу безамал а,
хьан безам суна беза бара.

 

27Ма хІаллакьхили ницкъ берш!
ТІеман герз ма хІаллакьхили!»

 

 

2

 

Дауд ЯхІуд-мехкан паччахь дІахІоттар

 

1Цул тІаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхІуд-махкарчу цхьана гІала гІой со?»
Везачу Эло цунна жоп делира: «ГІо».
ТІаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гІо со?»
Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гІо». 2Дауд цига дІавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израІалхо йолу АхьнуІмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигІал а. 3Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дІабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира. 4ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца.
Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла. 5Дауда ГалІадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дІа а верзош, шу тешаме хиларна. 6ХІинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш. 7Ткъа хІинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хІунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхІудан тайпано шена тІехь паччахь хила къобалвина».

 

Иш-Бошат паччахь хилла дІахІутту

 

8Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кІанта Абунара, Шаулан кІант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра. 9Цо иза ГалІадана а, Ашурайна а, ИзраІална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тІехь паччахь вина дІахІоттийра. 10Цу хенахь Шаулан кІентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тІехь долу паччахьалла шен карахь а долуш.
Даудана тІаьхьа ЯхІудан тІаьхье бен ца хІоьттира. 11ВорхІ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхІудан тІаьхьенна тІехь Даудан паччахьалла.

 

Исраилхошна а, яхІудхошна а юкъахь хилла тІом

 

12Неран кІант Абунар а, Шаулан кІентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавІон-гІала дІабахара. 13Даудан тІемалошца аравелира Царуятан кІант Йоаб а. Уьш ГавІонерачу Іома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТІемалойн цхьа тоба Іоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира. 14Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гІиттабай, шайга хІун дало хьовсийта».
Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагІовттийта».
15Шаулан кІант волчу Иш-Бошатан агІонера шийтта бен-яманхо хьалагІаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гІаьттира. 16Цара хІораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агІонаш чу тур дахийтира. И кІентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цІе, ГавІонера Хьелкхат-ХІацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду).
17Цу дийнахь цара чІогІа тІом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра.
18Цигахь Царуятан кхо кІант вара: Йоаба, Абушай, ІасахІал. ІасахІал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. 19Иза Абунарна тІаьхьавелира, цуьнан лорана тІера я аьтту, я аьрру агІор а ца волуш. 20Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ІасахІал?»
Вукхо жоп делира: «Со ву».
21ТІаккха Абунара ІасахІале элира: «Аьтту я аьрру агІор а таІий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ІасахІална ца лиира цунна тІаьхьара дІавала. 22Абунара юха а цуьнга элира: «ДІавала суна тІаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гІур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?» 23Амма важа цунна тІаьхьара ца волура. ТІаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Іоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ІасахІал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тІехволуш мел верг цигахь соцура.
24ІасахІалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тІаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавІонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Іуьллуш болчу, Аьми олучу гу тІе кхаьчча. 25Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дІахІиттира. 26Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хІокху хІуманан тІаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тІаьхьадовлий ма лела?»
27Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чІагІо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Іуьйре тІекхаччалц шайн вежаршна тІаьхьабевлла лелар ма бара». 28Эццахь Йоаба коьман маІа лекхира. Адам исраилхошна тІаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТІом дІабелира.
29Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогІехула дІаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгІачу дийнахь а новкъахь бара. ТІаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.
30Йоаб Абунарна тІаьхьаваьлла лелачуьра юхавирзира. Цо адам схьагулдира. Царна юкъахь, ІасахІал воцург, Даудан эскархойх ткъайоьсна стаг тІеоьшуш вара. 31Даудан эскархоша Абунаран нах а, бен-яманхой а эшийра. Церан вийна верг кхо бІе кхузткъа стаг вара. 32Дакъа схьа а эцна, ІасахІал Байтлахам-гІалахь шен ден коша чохь дІавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дІаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира.

 

 

3

 

1Даудан цІенний, Шаулан цІенний юкъахь еххачу хенахь тІемаш лаьттира. Даудан ницкъ чІагІлуш бара, ткъа Шаулан цІа эшна догІура.

 

Хьевронехь Даудана ялх кІант во

 

2Хьевронехь Даудана кІентий бинера. Цуьнан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара. 3ШолгІа кІант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. 4ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара, пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара. 5ЙолхалгІачу кІентан ИтраІаман нана ІагІлат яра, иза, вуьш санна, Даудан зуда яра. Даудан и ялх кІант Хьевронехь вина вара.

 

Абунар Даудах дІакхета

 

6Шаулна а, Даудана а тІаьхьахІиттина болчарна юкъахь тІом лаьттачу хенахь, Шаулна тІаьхьахІоьттинчарна юкъара волу Абунар чІагІвелира шен даржехь.
7Шаулан, Рицпат цІе а йолуш, цхьа гІарбаш-зуда хилла. Иза АяхІун йоІ яра. Иш-Бошата Абунаре элира: «Хьо сан ден гІарбаш-зудчуьнца[2] хІунда Іийра?» 8Абунар цо аьллачунна чІогІа оьгІазвахара. Цо Иш-Бошате элира: «Хьуна со жІаьла ду-м ца моьтту? ЯхІудана дуьхьал а ваьлла, аса хьан ден Шаулан цІенна а, хьан вежаршна а, цуьнан доттагІашна а гІуллакх дина, хьо Даудан кара дІа а ца велла. Ткъа тахана, и зуда бахьана долуш, со бехкевеш ву-кх хьо?! 9Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, Везачу Эло, чІагІо а еш, Дауде аьлларг аса цунна ца дахь. 10Шаулан цІийнера паччахьалла схьа а даьккхина, берриге а Исраилан а, ЯхІудан а мехкашна тІехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, паччахьалла Дауде дІа а лур ду». 11Иш-Бошата Абунаре хІумма а ца элира, ша цунах озалуш волу дела.
12Абунара шегара Дауд волчу геланчаш бахийтира хабар эцна: «ХІара латта хьенан ду? Соьца берта вола, аса дерриг а Исраилан халкъ хьайна тІедерзо гІо дийр ду хьуна».
13Дауда элира: «Дика ду. Со хьоьца берта вогІур ву. Амма сан хьоьга цхьа дехар хир ду. Аса хьуна сайн юьхь гойтур яц, нагахь санна ахьа со волчу вогІуш хьайца Шаулан йоІ Михула ца ялаяхь».
14Дауда Шаулан кІант Иш-Бошат волчу хабар эцна геланчаш бахийтира: «Схьало сан зуда Михула, аса, бІе пІелаштамхо сунт а вина, эцна йолу». 15Иш-Бошата нах бахийтира иза Лайшин кІантера Палтиалера схьаяккха. 16Михулица цуьнан майра а веара. Велха а воьлхуш, цо иза Бахьруме кхаччалц дІайигира. Амма Абунара Палтиале элира: «Хьайн цІа юхаверза». Иза цигара юхавирзира.
17Абунара, Исраилан къаношка вистхуьлуш, элира: «Селхана а, цул хьалха а шуна лууш дара, Дауд шайна тІехь паччахь хуьлийла. 18ХІинца кхочушде иза! ХІунда аьлча Везачу Эло Дауде аьлла: „Даудан карахула Аса Сайн Исраилан халкъ пІелаштамхойн а, церан массо мостагІийн а куьйга кІелхьара схьадоккхур ду“». 19Изза элира Абунара бен-яманхошка а. Абунара, Хьевроне а вахана, Дауде дІахаийтира Исраилан а, дерриг а бен-яманхойн цІийнан лаам.
20Абунар, шеца цхьаьна ткъа стаг а волуш, Хьевроне веача, Дауда цунна а, цуьнца цхьаьна болчарна а той хІоттийра. 21Абунара Дауде элира: «Со хІинца, хьала а гІаьттина, сайн паччахь волчу дерриг а Исраилан халкъ схьагулдан воллу. Цара хьоьца барт бинчул тІаьхьа, ахьа, хьайна ма-луъу, массарна а тІехь паччахьалла латтор ду». Дауда Абунар маьрша дІавахийтира.

 

Абунар вер

 

22Даудан эскархой Йоабаца цхьаьна генарчу новкъара цІа баьхкира. Цара шайца йоккха хІонс еанера, амма Абунар цу хенахь Даудаца Хьевронехь вацара, хІунда аьлча иза Дауда маьрша новкъа ваьккхинера. 23Йоаб шеца хиллачу эскарца юхавирзича, цуьнга дІадийцира, Дауд волчу Неран кІант Абунар веана хилар а, паччахьо иза маьрша дІавахийтина хилар а. 24Йоаб, паччахь волчу а веана, цуьнга вистхилира: «ХІун ду ахьа динарг? Хьо волчу веана волу Абунар дІа хІунда вахийтира ахьа? Ткъа хІинца иза дІа ма ваха! 25Хьуна вевзаш ма ву Неран кІант Абунар. Иза хьо леван веана, хьан чувогІу а, араволу а некъаш довзархьама а, ахьа хІун леладо хаархьама а».
26Дауд волчуьра ара а ваьлла, Йоаба Абунарна тІаьхьа геланчаш бахийтира. Цара иза Сирин гІунна тІера дуьйна юхаверзийра, Дауде хІумма а ца олуш. 27Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хІума Іоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ІасахІалан цІий бахьана долуш.
28ТІаьхьо шена цунах лаьцна хиъча, Дауда элира: «Со а, сан паччахьалла а Везачу Элана хьалха цкъа а бехке дацара Неран кІант Абунар валарна. 29Йоабан а, цуьнан доьзалан а коьрта тІе дужийла и цІий. Цуьнан цІентІахь гуттара а хуьлийла дегІа тІехь ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерг а, Іасанца бен ког ца баккхалуш верг а, туьро чевнаш йина воьжнарг а, мацалла ловш верг а». 30Йоаба а, цуьнан вашас Абушайс а Абунар вийна, цо ГавІонахь хиллачу тІамехь шайн ваша ІасахІал вийна дела.
31Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. 32Иза Хьевронехь дІавоьллича, цуьнан коша тІехь паччахь чІогІа вилхира. Дилхира дерриге а халкъ. 33Абунар дагавоуьйтуш, паччахьо хІара гІайгІане назма элира:
«Сонтачу стеган санна, валар хила дезарий техьа Абунаран?
34Хьан куьйгаш дІадихкина дацара,
хьан когаш буржалш тоьхна бацара.
Талорхойн карах велларг санна, хьо а велла».

 

Массо а халкъ цунна тІехь доьлхуш дара.
35Цу дийнахь дукха нах тІебаьхкира Даудана, цуьнга яа хІума яа бохуш. Амма Дауда, дуй а бууш, чІагІо йинера: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса малх чубуззалц баьпках я кхин йолчу юучу хІуманах мотт тохахь», – аьлла. 36Дерриг а халкъана иза хиира. Царна иза чІогІа тайнера, паччахьо деш долу массо а хІума санна. 37Цу дийнахь дерриг а Исраилан халкъана хиира, Неран кІант Абунар вуьйш паччахьо дакъа ца лаьцнийла. 38Дауда шен ялхошка элира: «Шуна хаьий, тахана Исраилан пачхьалкхехь воккха баьчча веллийла? 39Со хІинца а сайн даржехь чІагІвелла дІахІоьттина вац, паччахьалла дІакхехьа къобалвина велахь а. Тахана Царуятан кІентий сол сов ницкъ болуш бу. Цундела Везачу Эло, церан зуламашка хьаьжжина, вониг дойла царах хІоранна а».

 

4

 

Иш-Бошат вер

 

1Шаулан кІант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дІахиъча, чІогІа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а. 2Шаулан кІентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла – БаІний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цІийнах волчу баировтхочун Римунан ши кІант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогІуш хилла. 3Баировтхой бевдда ГІитайме дІабахана. Уьш хІинца а цигахь тІебаьхкина нах санна Іаш бу.)
4Шаулан кІентан ЯхІунатин астагІа а волуш кІант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраІалара Шаулаххий, ЯхІунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кІант схьа а эцна, иза кІелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кІант цуьнан карара охьавоьжна. ХІетахь дуьйна схьа иза астагІваьлла лелаш хилла. Цу кІентан цІе Мапи-Бошат яра.
5Баировтхо волчу Римунан ши кІант Рахбий, БаІний Иш-Бошатан цІа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дІакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоІуш, шен меттахь вижина Іуьллуш вара. 6Ткъа кевнера кІа цІандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаІний Иш-Бошатан цІа чу велира[3]. Цуьнан гайх тур а Іоьттина, уьш бевдда дІабахара. 7И шиъ Иш-Бошатан дІавуьжучу цІа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тІаьхьа, цара цуьнан корта, тІера а баьккхина, шайца дІабаьхьира. Буьйса дІаяллалц, Йордан-хин тогІехула дІаихира и шиъ. 8Иш-Бошатан корта Хьевронехь Іаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХІара, хьо вен гІерташ, хьуна тІаьхьаваьлла леллачу хьан мостагІчун Шаулан кІентан Иш-Бошатан корта бу. ХІинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тІаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш».
9Дауда баировтхо волчу Римунан кІенташка элира: «Массо а халонех со кІелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас. 10Цхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дІаваьлла“. Амма, цунна совгІат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагІахь, схьа а лаьцна, вийра. 11Ткъа хІинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Іуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?» 12Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догІмаш Хьевронехь Іома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дІабоьллира.

 

Исраилхоша Дауд шайн паччахь вина дІахІоттаво

 

(1 Шерашкахь 11:1-9;14:1-7)

 

5

 

1Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цІий а ду. 2Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». 3Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара. 4Паччахь хилла Дауд дІахІоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 5Хьевронехь ша волуш, цо ЯхІудан халкъана тІехь ворхІ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.

 

Дауда Ярушалайм-гІала схьайоккху

 

6Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тІелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогІур вац: ур-атталла бІаьрзечарий, астагІчарий дІалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. 7Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира.
8Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кІелахь йолчу биргІанехула ваха веза, „бІаьрзе а, астагІа а“ болу сан мостагІий болчу царна тІекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагІа верггий, бІаьрзениггий цІа чу вогІур вац».
9Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. 10Даудан паччахьалла чІагІлуш дІадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.
11Цора-гІалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тІулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цІенош дира. 12ТІаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а.
13Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гІарбаш-зударий а бигира. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира Даудан. 14Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, 15Ибхьар, Эли-ШуІа, Непаг, ЯпияІ, 16Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат.

 

Дауда пІелаштамхошна дуьхьал тІом бо

 

(1 Шерашкахь 14:8-17)

 

17ПІелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дІахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чІагІйина йолчу меттиге дІавахара. 18Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. 19Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?»
Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пІелаштамхой хьан кара дІалур бу».
20Дауда, БаІал-Паруциме а вахана, пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цІе, БаІал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). 21ПІелаштамхоша цигахь шайн цІуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.
22Юха а пІелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь охьахевшира. 23Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата. 24Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, сихха царна тІе гІо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». 25Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цо пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц эшийра.

 

Делан деза тІорказ Ярушалайме схьадохьу

 

(1 Шерашкахь 13:1-14;15:25–16:6,43)

 

6

 

1Дауда юха а уггар тоьлушха болу Исраилан тІемалой шена тІекхайкхира. Цунна ткъе итт эзар стаг схьагулвелира. 2Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. 3Деза тІорказ, гун тІехь лаьттачу Абинадабан цІа чуьра схьа а эцна, керлачу гІудалкхана тІе охьа а хІоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кІентий Іузий, Ахьъюй и гІудалкх лелош вара. 4Абинадабан цІа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тІорказ гІудалкхана тІедиллира. Цу гІудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара. 5Дауд а, исраилхой а Везачу Элана хьалха, зоьзан дечигах динчу тайп-тайпанчу пондаршца а, иштта дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, горгалешца а, негІарш вовшахдеттарца а, хелхабуьйлуш бара. 6Нахонан хьаьтта кхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. 7Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Цо иза циггахь, цу тайпана, оза а ца луш, тІорказна тІе куьг даьхьна аьлла, вийра. Иза Делан тІорказна уллохь велира. 8ТІаккха Дауд чІогІа оьгІазвахара, Везачу Эло Іузина тохар бахьана долуш. И меттиг хІинца а «Парас Іуза» олуш ю (иза «Іузина таІзар дар» бохург ду).
9Цу дийнахь Дауд чІогІа кхеравелира Везачу Элах. Цо элира: «Везачу Элан деза тІорказ со волчу муха дахьар ду?» 10Даудана ца лиира Везачу Элан тІорказ ша волчу, Даудан гІала, дІадахьийта. Цундела цо иза гатихо волчу Іабади-Эдоман цІа дІадаьхьира. 11Деза тІорказ гатихо волчу Іабади-Эдоман цІахь кхаа баттахь лаьттира. Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан дерриг цІа а декъалдира.
12Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан цІа а декъалдина, Делан деза тІорказ иза волчохь лаьттина дела». ТІаккха Дауда воккхаверца Делан деза тІорказ Іабади-Эдоман цІера Даудан гІала схьадаийтира. 13Везачу Элан деза тІорказ дахьаш богІуш болчара хьалхара ялх гІулч яьккхича, эса а, сту а сагІина дейтира Дауда. 14Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара. 15Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тІорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маІаш а лоькхуш, схьадахьаш дара.
16Везачу Элан тІорказ Даудан гІалина чоьхьа доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Шена, Везачу Элана хьалха ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира. 17Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. 18Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш даьхна ваьллачул тІаьхьа, Дауда массо а ницкъийн Везачу Элан цІарах халкъ декъалдира. 19Массо а исраилхочунна, божаршна санна зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмийн цхьацца курс а кховдийра. Адам шен-шен цІа дахара.
20Шен цІа декъалдан дагахь Дауд шен чу веача, Шаулан йоІа Михулас, кхунна дуьхьал а яьлла, элира: «Ма билгалвели тахана Исраилан паччахь, шен ялхойн гІарбашашна хьалхахь верзина а ваьлла, пайда боцуш волу стаг верзина ма-валлара!»
21Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цІийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дІахІоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву. 22Сайн бІаьргашкахь со кхин а кІезиг хилла дІахІуттийла, амма ахьа буьйцуш болчу гІарбашашна юкъахь сан сий хир ду хьуна».
23Шаулан йоІан Михулин ша елла дІаяллалц бераш ца хилла.

 

Даудана Делера бина хаам

 

(1 Шерашкахь 17:1-15)

 

7

 

1Паччахь шен цІахь Іаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагІех мукъа витинера. 2ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду».
3Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гІой, де, Веза Эла хьоьца ву». 4Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: 5«Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Іан цІа ден верг? 6Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тІекхаччалц, Со цІа чохь Іийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Іийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. 7Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’“
8Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. 9Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 10Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргІат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, 11мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. 12Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. 13Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. 14Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. 15Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бІаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. 16Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» 17Дерриг и дешнаш а, шена хІоьттина сурт а Натас ма-дарра дІадийцира Дауде.

 

Дауда Деле доІа до

 

(1 Шерашкахь 17:16-27)

 

18ТІаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дІа а хІоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цІа а хІун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 19Хьуна-м иза а кІезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цІийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Іедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла? 20ХІун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла. 21Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хІуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дІа а довзуьйтуш. 22Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 23Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дІалохкура Ахь. 24Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дІахІоьттина.
25Ткъа хІинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тІейогІун йолчу ханна чІагІдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа, 26массо а тІейогІун йолчу ханна Хьан цІе язъяйтархьама. ТІаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цІа Хьуна хьалха чІагІделла лаьттар ду! 27Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира.
28Сан Хьалдолу Эла! Хьо – Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хІинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваІда дина Ахь! 29Хьан лай волчун тІаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цІа массо а хенахь декъал хир ду».

 

Даудан тІеман толамаш

 

(1 Шерашкахь 18:1-17)

 

8

 

1Цул тІаьхьа Дауда пІелаштамхошна тІехь толам баьккхира. Иштта, цо пІелаштамхойн карара цу лаьтта тІехь хилла олалла схьадаьккхира.
2Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш.
3Рахьубан кІант ХІадад-Іезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра. 4Цо цуьнгара цхьа эзар ворхІ бІе бере а, ткъа эзар тІемало а схьаваьккхира. Шен гІудалкхашна хьалха дІайожа бІе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.
5Цоба-мехкан паччахь волчу ХІадад-Іезарна гІоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хІаллаквира. 6Дауда арамхой Іаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дІахІиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дІахІиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цІа воьрзуьйтура. 7ХІадад-Іезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара. 8ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира.
9Хьамат-гІалахь паччахь волчу ТоІина хезира, ХІадад-Іезаран эскар Дауда эшийна аьлла. 10ТІаккха ТоІас шен кІант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХІадад-Іезар эшаварна баркалла ала а, ХІадад-Іезар шеца кест-кеста тІом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогІуш, Йорама дашо а, дато а, цІестан а пхьегІаш еара. 11Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гІуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хІума санна, 12эдомхошкара[4] а, муабахошкара а, Іамминхошкара а, пІелаштамхошкара а, Іамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кІантера ХІадад-Іезарера ша схьадаьккхинарг санна.
13Дуьрачу тогІи чуьра, берхІитта эзар эдомхо[5] а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чІогІа сий деш цІе яккха йолийра. 14Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура.
15Дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. 16Царуятан кІант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кІант ЯхІушапти пачхьалкхан гІуллакхаш яздархо вара. 17Ахьтубин кІант ЦІадукъа а, Абу-ЯтІарин кІант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхІу йозанчин болх беш вара. 18ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний[6] тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш[7] бара.

 

9

 

Дауд Шаулан доьзалца къинхетаме хилар

 

1Дауда хаьттира: «Шаулан цІийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара ЯхІунатин дуьхьа».
2Шаулан цІа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цІе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?»
Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».
3Паччахьо элира: «Шаулан цІийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чІагІо ма-ярра».
Цубас паччахье элира: «ЯхІунатин кІант ву, когашна астагІа а волуш».
4Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?»
Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Іамиалан кІант волчу Макиран цІа чохь ву».
5Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Іамиалан кІант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.
6Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаІийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!»
Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».
7Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».
8Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жІаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тІеуьйзи».
9Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тІе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цІийнан а долахь хилла долу хІума аса хьан элан кІентан кІантана дІало. 10Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.)
11Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду».
Ткъа Мапи-Бошат Даудан цІахь яа хІума юуш вара, ша цуьнан кІант волуш санна. 12Мапи-Бошатан жима кІант хилла, Мика цІе а йолуш. Цубин цІахь Іаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла. 13Мапи-Бошат Ярушалаймехь Іаш хилла, хІунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хІума юуш хилла. Иза шинна а когана астагІа хилла.

 

Дауда Іамминхой а, арамхой а эшор

 

(1 Шерашкахь 19:1-19)

 

10

 

1Цхьа хан яьлча, Іамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьануни. 2Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кІантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан.
Даудан ялхой Іамминхойн махка бахара. 3Амма Іамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тІе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гІалахь дерг дикка талла а теллина, цул тІаьхьа иза йохо дагахь».
4Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хІораннан а ах маж дІаешира, цул тІаьхьа, царна тІера бедарш вареш тІе кхаччалц дІа а хедийна, уьш дІахийцира. 5Иза шена дІахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чІогІа юьхьІаьржачу хІиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тІаьхьа цІа догІур ду шу», – аьлла.
6Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гІашло волу арамхо лецира. МаІхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТІобера шийтта эзар стаг лецира. 7Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тІемалой а болуш. 8Іамминхой, гІалин кертара ара а бевлла, тІамана кечбелла дІахІиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТІобера а, МаІхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.
9МостагІчун эскарийн могІарш шена тІехьа а, хьалха а дІахІиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тІемалой арамхошна дуьхьалбехира. 10Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дІабелира Іамминхошна дуьхьалбаха. 11Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гІо дийр ду, нагахь санна Іамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гІо доккхур ду. 12Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гІаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».
13Йоаб шен эскарца арамхошна тІелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дІабахара. 14Іамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гІала дІабахара. Іамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.
15Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дІахІоттийра. 16ХІадад-Іезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Іаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира. 17И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тІе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дІахІиттира. Уьш вовшех летира. 18Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ бІе хІаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира. 19ХІадад-Іезаран куьйга кІел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Іамминхошна гІо дан кхин ца хІуттура.

 

11

 

Дауд Бат-ШабаІах кхета

 

1Шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Іамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гІалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.
2Цхьана дийнахь вижначуьра гІаьттина волу Дауд паччахьан цІийнан шерачу тхов тІехула волавелла лелаш вара. Цигара дІахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чІогІа хаза яра. 3Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиІаман йоІ Бат-ШабаІ ю, хьетахо волчу УръяхІун зуда а ю». 4Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цІанъялар цу зудчо хІинца чекхдаьккхинера.) ТІаккха иза шен цІа яхара. 5Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира.
6Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхІу», – аьлла. Йоаба УръяхІу Дауд волчу дІавахийтира. 7УръяхІу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тІамах лаьцна а хеттарш дира. 8Цул тІаьхьа Дауда УръяхІуга элира: «ЦІа а гІой, хьайн ши ког била». УръяхІу паччахьан цІа чуьра аравелира. Цунна тІаьхьа совгІатна паччахьо даар-малар дахьийтира. 9Амма УръяхІу шен цІа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цІийнан ков долчу дІавижира иза. 10Дауде, УръяхІу шен цІа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тІаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цІа хІунда ца вахара хьо?»
11УръяхІус Дауде элира: «Делан тІорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхІудан халкъ а четарш кІелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Іийр вара со, сайн цІа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дІа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла».
12ТІаккха Дауда УръяхІуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дІавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тІекхаччалц, УръяхІу Ярушалаймехь сецира. 13Дауда УръяхІу ша волчу дІакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Іийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхІу юха а, шен цІа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дІавижа вахара.
14ШолгІачу Іуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхІуца дІадахьийтира. 15Кехата тІехь Дауда яздира: «УръяхІу тІамехь хьалхахь лаьтташ болчу тІемалошца дІахІоттаве, уггар чІогІа тІом бечу меттехь. Цул тІаьхьа, цунна уллора дІа а довлий, иза вейта». 16Леррина гІала дІахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Іамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхІу дІавахийтира цо. 17ГІалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тІом бан хІиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхІу а вара царах цхьаъ.
18Йоаба тІамехь мел хилларг Дауде дІадийца стаг вахийтира. 19Ша вохуьйтуш волчу геланчина тІедиллира Йоаба: «Хьо тІамах лаьцна паччахьна дІадийцина ваьлча, 20хьайна иза оьгІазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гІалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гІалин пенаш тІера пхерчий кхуьссур дуйла? 21Хьан вийна Яруб-Бошатан кІант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тІе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гІалин гонахарчу пенна сел улло?“ – ала мега. Цо иза аьллачул тІаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхІу а вийна“ – алий».
22Геланчо, дІа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тІамах лаьцна шадерг а дІадийцира. 23Цо шен къамелехь кхин а тІетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тІелетира. Оха цаьрца тІом болийра, цул тІаьхьа, лаьхкина, уьш гІалин кевнна тІе кхаччалц дІа а бигира. 24Цул тІаьхьа хьан эскархой болчийн агІор гІалин пенаш тІера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхІу а».
25ТІаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахІотторхьама: «И хІума бахьана долуш хьо юьхьІаьржачу ма хІотта. ТІамехь тур цкъа цхьанна кхета, тІаккха вукхунна кхета. ТІом чІагІ а бе, и гІала хІаллак а е».
26Шега УръяхІу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаІ шен майрачунна тийжира. 27Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаІ шен цІа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дІахІоьттира, цо Даудана кІант а вира. Амма Везачу Элана и хІума ца дезаделира.

 

12

 

ТаІзар а, гечдар а

 

1Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. 2Хьалдолчун дуккха а уьстагІий а, бежанаш а хилла. 3Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Іахар бен, кхин хІумма а ца хилла. Цо, яа хІума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Іахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дІакховдийна долу бепиг дууш хилла Іахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тІехь дІабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоІ санна хеташ хилла иза. 4Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагІашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хІума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагІ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира».
5Дауд цу стагана чІогІа оьгІазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хІума дина волу стаг вен ма веза! 6Цу уьстагІна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хІунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хІума ша деш».
7ТІаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кІелара схьа. 8Аса хьан элан цІа а, цуьнан зударий а хьуна дІабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кІезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. 9Хьо Везачу Элах хІинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхІуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Іамминхойн карах вала а валийти. 10Цундела тур хьан цІенна массо а хенахь кхераме хир ду, хІунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхІун зуда хьайна дІайигна“. 11Везачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цІа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чІогІа хьомсара хеташ волчу стагана дІалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза. 12И санна долу хІума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дІа а хоуьйтуш, дийр ду“».
13ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна».
Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. 14Амма, хьайгара далийтинчу цу хІуманехула хьо Везачу Элах чІогІа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кІант лийр ву». 15Ната шен цІа вахара.

 

Даудан а, Бат-ШабаІан а бер далар

 

Везачу Эло УръяхІун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чІогІа цомгуш хилира. 16Дауд, и бер Деле доьхуш, доІа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цІа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда. 17Цуьнан цІийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагІатто гІерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гІаьттира, цаьрца цо яа хІума а ца йиира. 18ВорхІалгІачу дийнахь бер делира. Даудан ялхой цунах кхоьрура и бер деллий дІахаийта. Цара бохура: «И бер дийна долчу хенахь а цо тхо тергал ца дора. И бер делла хилар оха муха хаийта деза цуьнга? Цо цхьа доьхна дерг дан там бу».
19Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТІаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?»
Ялхоша жоп делира: «Делла».
20ТІаккха Дауд, лаьттара хьала а гІаьттина, лийча а лийчина, шена тІе даьтта а хьаькхна, тІера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Іибадат дан вахара. Цигара цІа веанчул тІаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хІума йиира. 21Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хІун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тІаьхьа, хьо хьала а гІаьттина, бепиг дууш ма ву?»
22Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хІунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара. 23Ткъа хІинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дІагІур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».

 

Сулим дуьнен чу валар

 

24Дауда шен зудчун Бат-ШабаІан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дІавижира. Бат-ШабаІа юха а кІант вира Даудана. Цунна Сулим цІе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, 25цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхІу аьлла, цІе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду).

 

Дауда Рабба-гІала схьайоккху

 

(1 Шерашкахь 20:1-3)

 

26Йоаб Іамминхойн Рабба-гІалина дуьхьал тІом беш вара. Цуьнан паччахьан гІап схьаяьккхира цо. 27Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гІалахь тІом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна. 28Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гІалина тІе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цІе тилла езар ю». 29Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гІала вахара, цо тІамца иза схьа а яьккхира. 30Дауда церан паччахьан коьртара[8] деших дина, дезачу жовхІарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тІе диллира. Цо дуккха а хІонс араяьккхира цу гІалара. 31Дауда, Рабба-гІалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дІахІиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Іамминхойн гІаланашкахь и тайпа белхаш дІахІиттийра. Цул тІаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.

 

13

 

Амнан а, Тамара а

 

1Даудан кІентан Абушаламан, Тамара бохуш цІе а йолуш, чІогІа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кІантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла. 2Иза дукха чІогІа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоІстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла. 3Цуьнан, ЯхІу-Надаб бохуш цІе а йолуш, доттагІа хилла. Иза Даудан вешин ШимІин кІант вара. ЯхІу-Надаб чІогІа хІилла долуш стаг вара. 4Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогІуш ма ву, паччахьан кІант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хІун хилла?»
Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна».
5ЯхІу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“». 6Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хІуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра».
7Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цІа а гІой, цунна яа хІума кечъе аьлла.
8Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Іуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хІуманаш а йира. 9Чохь мерза хІуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хІума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира. 10Цул тІаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дІавуьжучу цІа чу дІахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дІавуьжучу цІа чу дІаяьхьира. 11Цо юург шена хьалха охьахІоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша».
12Амма Тамарас элира: «ХІан-хІа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хІума лелош дац. И сонта хІума ма де. 13Аса хІун дан деза, ахьа со юьхьІаьржачу хІоттийначул тІаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дІаяла». 14Амма иза Тамарига ладогІа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира.
15Цул тІаьхьа Амнан цуьнца чІогІа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чІогІа чІагІбеллера. Амнана элира: «Хьала а гІаттий, дІагІо».
16ТІаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дІа. ХІинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чІогІа ду».
Амма иза цуьнга ладогІа лууш вацара. 17Цо шен гІуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тІаьхьа неІаран гІуй дІаболла». 18Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тІаьхьа неІ дІакъевлира.
Тамарина тІехь еха бедарш[9] яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора. 19Тамара, шен коьрта тІе чимаш а тесна, шена тІехь йолу еха бедарш этІа а йина, коьрта тІе ши куьг а диллина, тийжаш йогІуш яра. 20Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хІума хьайна чІогІа тІе ма оза». ХІусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цІахь ша Іаш яра.
21Шена и хІума дІахиъча, Дауд чІогІа оьгІазвахара. 22Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бІаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.

 

Абушалама дІадоькху

 

23Ши шо дІадаьллачул тІаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаІал-ХьацІарахь шен уьстагІий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кІентий кхайкхира ша волчу. 24Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагІий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».
25Амма паччахьо Абушаламе элира: «Сан кІант, тхо шадерш а догІур дац цига, хьуна новкъарло ца ян». ЧІогІа дехар дира Абушалама шен дега, амма Дауда иза, декъал а вина, дІавахийтира.
26ТІаккха Абушалама элира: «Хьан цига ван карх ца далахь, соьца сан ваша Амнан мукъана а ваийтахьа».
Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХІунда вогІуш ву иза хьоьца?»
27Амма Абушалама чІогІа дехар дина дела, паччахьо цуьнца Амнан а, шен массо кІант а вахийтира. ТІаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира[10].
28Абушалама шен ялхошна тІедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагІар меллачул тІаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТІетоха цунна“, – аьллачул тІаьхьа, Амнан, вей, дІаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хІума аса тІедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила». 29Абушалама шайна тІедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кІентий, хьала а гІевттина, шайн бІарзанаш тІе а хевшина, дІабевдира.
30Уьш дІакхачале, Дауде хаам кхечира, Абушалама паччахьан берриге а кІентий байина аьлла. 31Паччахь, хьала а гІаьттина, шена тІера бедарш этІа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тІера бедарш этІийра. 32Амма Даудан вешин ШимІин кІанта ЯхІу-Надаба элира: «Сан элана ма моьттийла шен массо а кІант вийна. Вийнарг Амнан бен вац. Шен йиша Тамара цо хьийзийначу дийнахь дуьйна и бекхам бан гІерташ вара иза. 33Массо паччахьан кІант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна».
34Ткъа Абушалам ведда дІавахнера. ГІалин ков тергалдечу жимачу кІантана гира Хьоронаймерачу некъа тІехула лам тІера охьабуьссуш дукха нах. ТІаккха кІанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тІехула лам тІера охьабогІу дукха нах»[11]. 35ЯхІу-Надаба паччахье элира: «Гой хьуна! Ас ма-аллара, и богІуш берш паччахьан кІентий бу». 36Цуьнан багара и дешнаш довллушехь, паччахьан кІентий, белха а боьлхуш, схьакхечира. Дауд а, цуьнан ялхой а чІогІа боьлхуш бара.
37Ткъа Абушалам, ведда дІа а вахана, Гешурара паччахь волу ІамихІудан кІант Талмай волчохь дІалечкъира. Дауд-паччахь хІора дийнахь шен кІантана воьлхура. 38Абушалам, Гешура ведда дІа а вахана, кхаа шарахь цигахь Іийра. 39Амнан валар бахьана долуш хилла болу сингаттам шена тІерабаьлча, Абушаламна тІаьхьаваьлла лела кхин ца лиира Даудана.

 

14

 

Йоабехула Абушалам Ярушалайме юхаверзар

 

1Царуятан кІантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла. 2Цундела Йоаба ТакхоІ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тІеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чІогІа гІайгІане ю моттийта, хьайна тІе Іаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела. 3Цул тІаьхьа, паччахь волчу а гІой, цуьнга хІара дешнаш дІаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дІахьийхира.
4ТакхоІ-гІалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьІира иза. Зудчо элира: «ГІо дехьа суна, паччахь!»
5Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХІун сингаттам бу хьоьгахь?»
ТІаккха зудчо элира: «Со йисина Іаш ю, сан майра велла. 6Хьан лай йолчу сан ши кІант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна. 7ХІинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кІант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тІаьхьенах диснарг кхочун дерг а хІаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хІу довр ду, сан майрачун хІокху дуьнен чохь цІе а, тІаьхье а юьсур яц».
8ТІаккха паччахьо элира: «ПаргІат хьайн цІа гІо, хьан дуьхьа ас-айса гІайгІа бийр бу цу гІуллакхан».
9Амма ТакхоІарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тІехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хІуманна бехке дац».
10ТІаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тІе куьг хьор дац хьуна».
11ТІаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цІарах дош лохьа суна, чІир лоьхучара, сан кІант вен а вийна, цІий Іанор сов доккхур дац алий».
Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кІентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».
12Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хІума а алийтахьара ахьа хьайга».
Паччахьо элира: «Йистхила».
13Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хІунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хІунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кІант цІа ца верзаво. 14Тхо лийр ду, лаьтта Іанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хІаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дІатеттинарг Шена уллора кхин дІа ца таттийта. 15Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дІаала еана, хІунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо. 16Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгІна, Дала суна а, сан кІантана а делла долу доьзалан латта хІаллакдан гІерташ волчун карара шен лай йолу со кІелхьарйоккхур ю“. 17ТІаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хІунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла».
18Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хІинца хьайга динчу хаттарна соьга, хІумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь».
Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».
19Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?»
Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чІагІо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агІор таІа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тІедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дІаала аьлла. 20Хьан лай волчу Йоабан Іалашо и хІума вукху агІор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хІума хаархьама».
21ТІаккха паччахьо Йоабе элира: «ХІинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гІой, жима стаг Абушалам цІа верзаве».
22Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаІийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХІинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хІунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгІи». 23Цигара хьала а гІаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо. 24Паччахьо элира: «Шен цІа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цІа веара, амма шен дена тІекхача йиш йолуш вацара иза.

 

Абушалам шен деца бертавоьду

 

25Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цІе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тІе кхаччалц цхьа а айпе хІума дацара цунна тІехь. 26Цо хІора шарахь цкъа шен корта дІабошура, хІунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дІабаьшначул тІаьхьа месаш оьзча, уьш ши бІе шекхал[12] гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь. 27Цуьнан кхо кІант а, Тамара бохуш цІе а йолуш, цхьа йоІ а яра. Тамара чІогІа хаза зуда яра.
28Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира. 29Абушалама Йоабана тІе стаг вахийтира, иза шен дена тІе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тІе ван. Цо шолгІа а стаг вахийтира, Йоабана тІе, амма важа юха а тІе ца веара. 30ТІаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Іуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тІеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гІой, цунах цІе таса». Ялхоша мекхах цІе тесира.
31ТІаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тІехь цІе хІунда тесна?»
32Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хІунда валийна? Суна цигахь Іийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дІаваккхийта цуьнга».
33Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дІадийцира. ТІаккха Дауда Абушалам шена тІе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьІира. Паччахьо цунна барт баьккхира.

 

15

 

Абушаламна Даудера паччахьалла схьадаккха дагадогІу

 

1Цул тІаьхьа Абушалама шена гІудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира. 2Иза, Іуьйранна хьалххе хьала а гІоттий, гІалина чувогІучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дІахІуттура. Шена уллохула паччахьна тІе цхьа гІуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тІе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гІалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча, 3цо олура: «Ахьа деана гІуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цІарах хьоьга ладогІа стаг вац». 4Цо кхин а тІетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хІора стагана гІо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гІуллакх дахьаш сайна тІевеъначу муьлххачу а стеган гІуллакх нийса къастор дара аса». 5Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тІевеача, куьйгаш хьалха дІа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура. 6Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тІекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тІедерзийра.
7Диъ[13] шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со. 8Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Іаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь[14] Іамал йийр ю“», – аьлла.
9Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гІойла хьо». Абушалам, хьала а гІаьттина, Хьевроне дІавахара. 10Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дІасабахийтира. Цо царна тІедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маІа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дІахІоьттина!“» 11Абушаламца ши бІе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гІуллакхех хІумма а ца хаьара. 12СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.

 

Дауд а, цуьнца хилларш а Ярушалаймера бевдда дІабахар

 

13Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тІедирзина».
14Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагІовтта, девдда дІагІур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кІелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дІадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гІала а хІаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».
15Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду». 16Паччахь, ара а ваьлла, шен цІахь мел волчу стагаца гІаш дІавахара. Цо шен цІахь итт гІарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цІа Іалашдайтархьама.
17Паччахь а, цуьнан халкъ а, гІаш ара а даьлла, тІаьхьарчу цІенна уллохь сецира. 18Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тІех а буьйлуш, дІаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а[15], цуьнца Гати-гІалара схьавеана волу ялх бІе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дІавоьдуш вара. 19ТІаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хІунда вогІуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тІевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу. 20Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дІа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дІагІо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда[16]».
21ТІаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».
22ТІаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тІаьхьахІоьттира. 23Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Іоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агІор дІабахара.
24ЦІадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тІорказ схьадахьаш богІуш бара. ТІорказ охьахІоттийча, Абу-ЯтІари, берда тІе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гІалара арабовллалц. 25Паччахьо ЦІадукъига элира: «Делан тІорказ гІала юха дІахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тІорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. 26Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». 27Цул тІаьхьа динан да волчу ЦІадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву![17] Маьрша гІала юхаверза. Хьан кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а шуьца ву. 28Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». 29ЦІадукъассий, Абу-ЯтІариссий Делан тІорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.
30Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тІе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тІе тиллина хІума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хІума а тиллина, боьлхуш дІаоьхуш бара. 31Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТІаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»
32Дауд Далла Іибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогІу Іаьркхихо волу шен доттагІа Хьушай. Цунна тІера бедарш этІийна яра, коьрта тІе тесна чан а яра. 33Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагІахь, суна хьо новкъахир ву. 34Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хІинца чул тІаьхьа хьан лай хир ву“. 35Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а хир ву. Хьайна паччахьан цІа чохь мел хезнарг цаьрга дІадийца. 36ЦІадукъин кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».
37Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогІуш вара.

 

16

 

Цубина Дауд дуьхьалкхета

 

1Дауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тІебиллина йолу ши вир. Царна тІе диллина ши бІе бепиг а, цхьа бІе курс кишмаш а, цхьа бІе стом а, чагІар чохь долу пІаьлдиг а бара. 2Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?»
Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цІенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тІехь дІасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тІемалошна даа деана. Ткъа чагІар яьссачу аренгахь болчу гІора дІадаьллачарна мала деана».
3Паччахьо элира: «Хьан элан кІентан кІант мичахь ву?»
Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХІинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“».
4ТІаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хІума аса хьуна дІало».
Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаІабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»

 

ШамаІис Даудана неІалт олу

 

5Дауд Бахьруме дІакхаьчча, цигара Шаулан цІийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цІе ШамаІи яра. Иза Герин кІант вара. ШамаІи, неІалташ а кхайкхош, 6Даудана а, цуьнан ялхошна а тІулгаш кхуьссуш вогІуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агІор дІахІиттина бара. 7НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! 8Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш».
9Царуятан кІанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жІаьло сардамаш хІунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу».
10Амма паччахьо элира: «ХІун дийр ду аса шуна, Царуятан кІентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хІунда леладо?“ – ала мила ву?» 11Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кІант а со вен араваьлла хилча, хІокху бен-яманхочун хІун бехк бу? Іадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. 12Тахана сан бала[18] Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». 13Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дІабоьлхуш бара, ткъа ШамаІи Даудана тІаьхьаваьллачуьра дІа ца волура. Ламанан басехула схьавогІуш вара иза, Дауд волчу агІор тІулгаш а, чан а кхуьйсуш. 14Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чІогІа кІадбелла хиларна, цигахь садаьІира.

 

Ахьи-Тупала Даудах лаьцна хьехар до

 

15Ткъа Абушалам, шеца дерриг а Исраилан халкъ а долуш, Ярушалайме схьавеара. Цуьнца цхьаьна Ахьи-Тупал а вара. 16Даудан доттагІа волчу Іаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!»
17ТІаккха Абушалама цуьнга хаьттира: «Иштта тешаме ву-кх хьо хьайн доттагІчунна? Цуьнца дІа хІунда ца вахара хьо?»
18«ХІан-хІа, – элира Хьушайс Абушаламе – Со Везачу Эло а, хІокху халкъо а, массо а исраилхоша а хаьржинчуьнца хир ву. Со цуьнца соцур ву. 19Цу тІе, хьанна гІуллакх деш хир ву со? Цуьнан кІантана хир вац? Со хьан ден гІуллакххо ма-хиллара, иштта хьуна а гІуллакххо хир ву».
20Абушалама Ахьи-Тупале элира: «Хьехам бехьа, вай хІун дан деза?»
21Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цІа Іалашдан битинчу цуьнан гІарбаш-зударшца дІавижа. ТІаккха массо а исраилхошна дІахезар ду, хьо хьайн дена бІаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тІаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чІогІа тешаме болуш дІахІуьттур бу». 22Шерачу тхов тІехь Абушаламна четар хІоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гІарбаш-зударех кхийтира.
23Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чІогІа ладогІа дезаш болу хьехамаш бара.

 

 

17

 

1Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гІаьттина, со кху буьйсанна Даудана тІаьхьавер ву. 2Иза гІел а велла, цуьнан гІора дІадаьллачул тІаьхьа, со цунна тІелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дІагІур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац. 3Аса массо а адам хьуна тІедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дІадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Іийр ду[19]». 4Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чІогІа дезаделира.

 

Хьушайс дина долу хьехар

 

5Абушалама элира: «Іаьркхихо волчу Хьушайга схьакхайкха. Цо хІун олу хьовсур ду вай». 6Хьушай Абушалам волчу веара. Абушалама цуьнга элира: «Ахьи-Тупала дина долу хьехар иштта ду. Цо аьлларг дан дезий вай? Нагахь санна хьо реза вацахь, хьайна хетарг ала».
7Хьушайс Абушаламе элира: «Ахьи-Тупала хІинца дина долу хьехар дика дац. 8Хьуна хьайн да а вевза, цуьнан нах а бевза. Уьш майра а бу, шен кІорнех яьккхина йолу нана-ча санна, дера а бу. Хьан да майра стаг ву. Иза шеца болчу нахаца буьйса йоккхуш Іийр вац. 9Иза хІинца, цхьана хьеха чохь я кхечу меттехь къайлаваьлла Іаш хир ву. Нагахь санна хьан да хьоьца болчарна хьалха тІелатахь, и хІума хезна болчу нахана дагадогІур ду: „Абушаламна тІаьхьахІиттинарш эшийна!“ – аьлла. 10ТІаккха, лом санна, майра берш а дог эшна дІахІуьттур бу, хІунда аьлча дерриг а Исраилан халкъана хууш ду, хьан да чІогІа майра тІемало вуйла а, цуьнца берш доьналла долуш буйла а. 11Цундела аса хьехар до хьуна: дерриг а Исраилан халкъ Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц хьо волчу схьагулдалийта. Адам, хІордан йистера гІум санна, дукха хир ду. ТІаккха ахьа, хьо хьалха а ваьлла, уьш тІамтІе бига беза. 12Цул тІаьхьа вай Даудана тІелетар ду, иза миччахь велахь а. Вай цунна тІелетар ду, Іуьйранлера тхи лаьтта тІе ма-дожжара. Я иза а, я цуьнца волу цхьа а стаг а вуьсур вац дийна. 13Нагахь санна иза цхьана гІала дІаводахь, массо а исраилхоша и гІала йолчу метте машшаш схьадахьар ду. Вай оцу гІалин пенаш тогІи чу такхор ду, тІаккха цу гІалех цхьа а тІулг буьсур бац».
14Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Іаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тІе бохам баийтархьама.

 

Хьушайс динчу хьехаро Даудан цІа кІелхьардоккху

 

15Динан дай болчу ЦІадукъе а, Абу-ЯтІарига а Хьушайс элира: «Иштта хьехар дира Ахьи-Тупала Абушаламна а, Исраилан къаношна а, ткъа аса царна кхин тайпа хьехар дира. 16Ткъа хІинца, Дауд волчу нах а бахийтий, цуьнга алийта: „Тховса яьссачу аренгахь йолчу хил дехьа волийла йолчохь а ца Іаш, цу хил дехьа а валий, цигара дІавала, хІунда аьлча паччахь а, цуьнца болу нах а тховса хІаллакбаран кхерам бу“».
17Динан ден кІентий ЯхІуната а, АхьимаІац а Іейн-РегІал цІе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГІалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дІадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира. 18Амма и шиъ гина волчу, цхьана кхиъна вогІучу кІанта Абушаламе хаам бира. Цигара сихха дІа а вахана, и шиъ Бахьрумехь вехаш волу цхьа стаг волчу веара. Цу стеган кертахь яьккхина гІу яра. И шиъ цу чу воьссира. 19Цу кертарчу зудчо, шаршу схьа а эцна, и цу гІуна тІе тесира, ткъа шаршуна тІе ялтин буьртигаш тийсира, цхьа а шек ца валийта. 20Абушаламан тІемалоша, цу зудчун цІа а баьхкина, цуьнга хаьттира: «Мичахь ву ЯхІунатий, АхьимаІацций?»
Зудчо цаьрга элира: «Уьш, хил дехьа а бевлла, дІабахара».
Лехначул тІаьхьа, уьш шайна кара ца бича, ялхой Ярушалайме дІабахара. 21Уьш дІабаханчул тІаьхьа ЯхІунатий, АхьимаІацций, гІуна чуьра ара а ваьлла, Дауде хаам бан вахара. Цара Дауде элира: «Сихха хил дехьа а довлий, дІагІо. Ахьи-Тупала хьуна дуьхьал иштта хьехар дина». 22Дауд а, цуьнца хилла болу нах а Йордан-хил дехьабевлира. Сахуьллучу хенахь хил дехьа валаза цхьа а стаг ца висира.
23Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира.

 

Дауд Махьанаймехь хилар

 

24Дауд Махьанайме схьавеара, ткъа Абушалам, массо а исраилхо шеца цхьаьна а волуш, Йордан-хил дехьавелира. 25Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Іамасаъ дІахІоттийнера. Іамасаъ Исраилара[20] ИтІар цІе йолчу цхьана стеган кІант вара. ИтІаран нана АбигІал яра. Иза Нахьашан йоІ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра. 26Абушалама, шеца дерриг а Исраилан халкъ цхьаьна а долуш, галІадхойн лаьтта тІехь шен меттамотт дІахІоттийра.
27Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Іамминхойн Рабба-гІалара волчу вахархочун Нахьашан кІанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Іамиалан кІанта Макира а, РогІлаймарчу галІадхочо Барзалайс а 28цхьаболу мотт-гІайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегІаш а еара. Цара иштта кІа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, 29моз а, даьтта а, уьстагІий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кІалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гІел а делла, мац а делла, хьаг а делла».

 

18

 

Абушалам эшор а, вер а

 

1Дауд шен эскаре хьожуш чекхвелира. Цо шен эскарна тІехь цхьа бІе а, цхьа эзар а стаг карахь волуш хьаькамаш дІахІиттийра. 2Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дІахьажийра цо. ШолгІа тоба – Йоабан ваша волчу Царуятан кІант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгІа тоба гатихо волчу Итица дІаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогІур ву шуьца».
3Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дІадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хІаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ – итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гІалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гІо даийтича гІолехь ду».
4Паччахьо цаьрга элира: «Аша боххург дийр ду аса». Иза ков долчохь дІахІоьттира. Адам гІалара бІе а, эзар а стаг юкъахь йолчу тобанашца арадолуш дара. 5Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» – аьлла. Массарна а дІахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг.
6Даудан эскар аренгахь Исраилан эскарна дуьхьалделира. Уьш Эпрайман хьуьнхахь вовшахлетира. 7Даудан эскаро исраилхой эшийра. Боккха толам баьккхира цара цу дийнахь: ткъа эзар стаг вара вийна Іуьллуш. 8Гонах, массо а меттехула, дІабаьржира тІом. Адам хьун бахьана долуш дукха хІаллакьхилира, тур бахьана долчул.
9Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тІемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбІарзанна тІехь дІавоьдуш вара. ВирбІарза доккхачу ножан диттан генашна кІелхула дІайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дІатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбІарза едда дІаяхара. 10И сурт гина волчу цхьана тІемалочо Йоабе хаам бира: «Абушалам ножан дитта тІехь кхозуш ву» – аьлла.
11Йоаба шега и хаам бина волчу стаге элира: «Хьайна иза гина хилча, иза, тоьхна, лаьтта охьа хІунда ца виллира ахьа? Аса итт шекхал детий, доьхкий лур ма дара хьуна».
12Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кІантана тІе куьг хьур дацара, хІунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“ 13Нагахь санна аса, ахьа бохург а дина, Абушалам вийна хиллехь, иза паччахьна ца хууш дуьсур дацара. ТІаккха хьо, суна генна а ваьлла, дІахІуттур вара».
14Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тІехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира. 15Йоабан герз лелош волчу итт къона тІемалочо Абушаламна го бира. Цара иза вийна дІаваьккхира.
16Йоаба коьман маІа лекхира. Цуьнан эскар исраилхошна тІаьхьадаьллачуьра юхадирзира. Уьш Йоаба кхоийра. 17Цара Абушаламан дакъа, дитт тІера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тІе тІулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цІа чу а вахана, дІасаваьллера.
18Ша дийна волчу хенахь паччахьан тогІи чохь Абушалама ша-шена хІоллам хІоттийнера. ХІеттахь цо аьлла хилла: «ЦІе йиц ца яйта цхьа а кІант вац сан». Цу хІолламна цо шен цІе тиллина хилла. Тахана а, «Абушаламан хІоллам» аьлла, цІе йоккху цуьнан.

 

Даудана, Абушалам кхелхина аьлла, дІахеза

 

19ЦІадукъин кІанта АхьимаІаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагІех кІелхьарваьккхина аьлла».
20Амма Йоаба цуьнга элира: «Тахана Даудана дика кхаъ бахьаш веанарг хир вац хьо. Муьлххачу а кхечу дийнахь гІур ву хьо цига, тахана а ца воьдуш, хІунда аьлча велларг цуьнан кІант ву». 21Цул тІаьхьа Йоаба цхьана хушахочуьнга элира: «Ваха а гІой, паччахье хьайна гинарг ма-дарра дІадийца». И хушахо, Йоабана хьалха корта охьа а таІийна, сихха Дауд волчу вахара.
22Амма ЦІадукъин кІанта АхьимаІаца, ша аьллачунна тІера ца волуш, юха а Йоабе элира: «ХІуъа а хилахь, со а воьду хушахочуьнца».
Йоаба цуьнга элира: «ХІунда воьду хьо цуьнца, сан кІант? Ахьа дІабахьа кечбинарг дика кхаъ ма бац».
23АхьимаІаца элира: «Иза иштта делахь а, со воьду цига».
ТІаккха Йоаба элира: «Вада, гІо». АхьимаІац Йордан-тогІи чохь болчу новкъахула ведда дІавахара. Иза хушахочул хьалха дІакхечира цига.
24Дауд шина кевнна юккъехь Іаш вара. Кевнан тхов тІе ваьллачу гІаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогІучу стагах бІаьрг кхийтира. 25Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогІуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогІуш вара.
26ГІаролхочунна кхин а цхьа стаг гира, ведда вогІуш. Цо ков лардархочуьнга мохь туьйхира: «Кхин а цхьа стаг ву ведда вогІуш».
Паччахьо элира: «Иза а хаамча ву».
27ГІаролхочо элира: «Суна хьалха вогІуш волчун болар го. Иза ЦІадукъин кІентан АхьимаІацан боларх тера ду».
ТІаккха паччахьо элира: «И стаг дика стаг ву. Иза дика кхаъ бахьаш вогІуш ву».
28АхьимаІаца, мохь а тоьхна, паччахье элира: «Машар!» Цо, лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха шен корта охьа а таІийна, элира: «Декъала ву хьан Веза Дела. Цо сан эла волчу паччахьна дуьхьал куьг даьхьна болу мостагІий хІаллакбина».
29Паччахьо хаьттира: «Дийна вуй къона Абушалам?»
АхьимаІаца элира: «Йоаба со кхуза воуьйтучу хенахь цигахь хилла болу нах чІогІа боьхна хьийзаш гира суна. Амма цигахь хилларг суна ца хаьа».
30Паччахьо элира: «Юьстах а валий, кхузахь саца». Иза, дехьа а ваьлла, сецира.
31Эццахь веана хушахо а схьакхечира. Цо элира: «Дика хаам бу сан эла волчу паччахье! Тахана Везачу Эло хьуна дуьхьалбевлла болу мостагІий эшийна».
32Паччахьо хушахочуьнга хаьттира: «Могуш-паргІат вуй къона Абушалам?»
Хушахочо элира: «Сан эла волчу паччахьан мостагІашна а, цунна дуьхьал мел ваьллачунна а хуьлийла Абушаламна хилларг!»
33Паччахь воьхна хьаьвзира. Кевнна тІехула дина долчу цІа чу а вахана, вилхира иза. Цу тІе хьалаваьллачу хенахь цо бохура: «Сан кІант Абушалам! Сан кІант, сан кІант Абушалам! Хьан метта со велла велара, сан кІант Абушалам!»

 

19

 

Йоаба Даудах бехк боккху

 

1Йоабе хабар кхечира: «Паччахь Абушалам бахьана долуш, воьлхуш, гІайгІане ву», – аьлла. 2Цундела толам баьккхина долу де дерриг а эскарна гІайгІане де хилла дІахІоьттира, хІунда аьлча массарна а хиира паччахь шен кІант бахьана долуш гІайгІане вуйла. 3Шаьш гІали чу богІучу хенахь, тІемалой тебна богІуш бара, тІам тІера, юьхьІаьржачу а хІиттина, бевдда богІуш санна. 4Ткъа паччахь, шен юьхь тІе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кІант Абушалам! Ва-а, сан кІант Абушалам!» – бохуш.
5Паччахь волчу цІа а веана, Йоаба цуьнга элира: «Тахана бойучуьра хьо а, хьан кІентий а, зудабераш а, хьан зударий а, гІарбаш-зударий а кІелхьарбаьхна волчу хьан массо а тІемалочунна а эхь хетийти ахьа. 6Хьо цавезарш беза хьуна, ткъа хьо везачаьрца цабезам кхоллало хьан. Цундела тахана массарна а гайти ахьа, хьан тІеман хьаькамаш а, церан тІемалой а хьайна хІумма а ца хетийла. Тахана суна хиъна, тхо массо а хІаллак а хилла, Абушалам дийна висина хиллехь, хьо цу балхана реза хирг хилар. 7Ара а валий, вистхила хьайн тІемалошка. Церан дог эца! Аса Везачу Элах чІагІо йо хьуна, хьо царна дуьхьал ца хІоттахь, хІара буьйса дІаялале, хьуна уллохь цхьа стаг вуьсур ма вац аьлла. Иза хьо бер долчу дийнахь дуьйна хьуна гиначарел уггаре а боккха бохам хир ма бу хьуна». 8Паччахь, хьала а гІаьттина, кевнна хьалха охьахиира. Эскаре и хаам дІакхаьчначул тІаьхьа, дерриг а эскар шайн паччахь волчу схьагулделира.

 

Дауд Ярушалайме юхаверзар

 

Ткъа исраилхой шайн-шайн цІа дІабевддера. 9Массо а Исраилан тайпанашкахь халкъ вовшашца къийсалуш дара. Цара бохура: «Паччахьо вайн мостагІий болчу пІелаштамхойх кІелхьардаьхна вай, ткъа хІинца иза Абушаламах ведда, шен пачхьалкхера араваьлла. 10Амма вай паччахь ван къобалвина волу Абушалам тІамехь вийна. Ткъа хІинца аша, паччахь юха ца верзош, хан хІунда йолуьйту?»
11Дауда динан дай болчу ЦІадукъиний, Абу-ЯтІариний тІе стаг вахийтира хабар эцна: «ЯхІудан къаношка дІаала: „Паччахь юха валавеш болчарна юккъехь тІаьххьара хила хІунда лаьа шуна, массо а исраилхойн лаам паччахь вехаш волчу цІен тІе дІакхаьчна хилча? 12Шу сан вежарий ду, сан даьІахкаш а, сан дилха а – шу ду. ХІунда гІерта шу паччахь юха цІа валочу хенахь тІаьххьарнаш хила?“ 13Іамасаига а дІаала: „Хьо сан гергара вуй те? Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса хьо, дерриг а эскарна тІехь хьаькам а вина, сайна улло, Йоабан метта, гуттаренна а дІа ца хІоттавахь!“»
14Цо берриг а яхІудхойн дегнаш шегахьа дерзийра. Цара паччахь волчу хабар дахьийтира: «Юхаверза хьо а, хьан массо ялхой а», – аьлла.
15Паччахь юхавирзира. Иза Йордан-хи долчу схьавеара. Массо а яхІудхой Галгал-гІала схьабаьхкира, паччахьна дуьхьал а бахана, иза Йордан-хил сехьаваккха. 16Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кІант ШамаІи а сихвелира яхІудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. 17Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цІийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кІант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. 18Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а.

 

ШамаІис Дауде шена къинтІеравалар доьху

 

Йордан-хил дехьа ваьллачул тІаьхьа, Герин кІант ШамаІи паччахьна хьалха охьавуьйжира. 19Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хІума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. 20Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цІийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал».
21Царуятан кІанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неІалташ кхайкхийна волу ШамаІи вуьйр вац ткъа?»
22ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». 23Паччахьо ШамаІига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тІехь чІагІо йира.

 

Мапи-Бошат паччахь волчу воьду

 

24Шаулан кІентан кІант Мапи-Бошат паччахьна дуьхьал аравелира. Мапи-Бошата шен когаш а ца буьлура, маж а ца йошура, тІера хІума а ца цІанйора, паччахь, Ярушалаймера ара а ваьлла, иза машарца юхавирзина де тІекхаччалц. 25Мапи-Бошат, Ярушалаймера ара а ваьлла, шена дуьхьалвогІуш гича, паччахьо цуьнга хаьттира: «Мапи-Бошат, хьо соьца хІунда ца веара?»
26Мапи-Бошата жоп делира: «Сан паччахь волу эла, сан ялхочо со левина. Аса цуьнга элира: „Сан вирана тІе нуьйр тилла. Цунна тІе а хиъна, паччахьца ваха воллу со“, хьан лай волу со астагІа волу дела. 27Ткъа хьан лай волчух лаьцна харцдерг дийцира цо сан паччахь волчу эле. Амма сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Хьайна нийса хеттарг де. 28Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хІаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хІума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хІума бахьана долуш гІо доьхуш кхайкха».
29Паччахьо цуьнга элира: «Ма дийца соьга иза кхин! Суна лаьа ахьий, Цубассий шаьшшинна юкъахь латта доькъийла».
30Амма Мапи-Бошата паччахьна жоп делира: «Сан паччахь волу эла паргІат цІа вирзичхьана, дерриге а латта Цубас шена дІаэцахьара».

 

Дауда Барзалай ша волчу дІавоьху

 

31ГалІадхо волу Барзалай РогІлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама. 32Барзалай чІогІа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хІума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра. 33Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хІума латтор ду».
34Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кІезиг хан ю суна йиснарг. 35Сан хІинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хІумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хІуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гІертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? 36Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дІавогІур ву. Паччахьо суна хІунда кхачийтина те оццул йоккха ял? 37Хьан лай волчунна ша винчу гІалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кІант волу хьан лай КІамхІам вогІур ву сан элаца цо боххучу дІа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца».
38ТІаккха паччахьо элира: «КІамхІам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург». 39Дерриг а халкъ шайн паччахьца Йордан-хил дехьа делира. Барзалайна оба а яьккхина, цо иза декъалвира. Ткъа Барзалай шен цІа юхавирзира.

 

Исраилхой ЯхІуд-махкарчу халкъаца къийсало

 

40Паччахь Галгал-гІала дІавахара. Цуьнца цхьаьна КІамхІам а вахара. ЯхІудан массо а халкъ а, Исраилан халкъан ахдакъа а арадаьллера паччахьна тІаьхьа. 41Дукха хан ялале, исраилхоша, паччахь волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Тхан вежарий болчу ЯхІудан халкъан божарша, хьо лачкъа а вина, хьо а, хьоьца болу нах а Йордан-хил дехьа хІунда баьхна?»
42ЯхІудан халкъан божарша исраилхошка жоп делира: «Оха иза дина паччахь тхан гергара стаг волу дела. И хІума бахьана долуш шу тхуна оьгІаза стенна оьху? Оха цхьа а хІума диъний паччахьан? Я цуьнгара совгІаташ схьаэцна?»
43Исраилхоша, яхІудхошна жоп луш, элира: «Тхан паччахьца йозуш йолу бакъо шун чул уьттазза дукха ю. Аша тхо юьхьІаьржачу хІиттийна. Паччахь юхаверзарх лаьцна долу дош хьалххе оха дийцина дацара ткъа?»
Амма яхІудхойн дош исраилхоша бохучу дешнел чІогІа дара.

 

20

 

ШебаІан карзахвалар

 

1Дагахь а доцуш, цигахь цхьа Іеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кІант ШебаІ хилла. Цо, коьман маІа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кІант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цІа дІасадовлий вай!» 2Массо а исраилхо, Даудах дІа а къаьстина, Бихрин кІантана ШебаІана тІаьхьахІоьттира. Ткъа Йорданна тІера Ярушалайме кхаччалц яхІудхой шайн паччахьна уллохь севцира.
3Дауд Ярушалаймехь долчу шен цІа веара. Цо, шен цІа Іалашдеш йитина йолу итт гІарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цІа чохь охьахаийра, цІенна гІарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Іаш болчу зударша санна яьккхира.
4Дауда Іамасаига элира: «Кхо де далале, схьакхайкха со волчу яхІудхошка. Хьо а цигахь хила». 5Іамасаъ яхІудхошка кхайкха вахара, амма паччахьо шена билгалъяьккхина йолу хан тІехъялийтира цо. 6ТІаккха Дауда Абушайга элира: «ХІинца Бихрин кІанта ШебаІа Абушалама чул а чІогІа зен дийр ду. Сан тІемалой схьа а эций, цунна тІаьхьавала, чІагІйина йолу гІаланаш а карийна, иза вайн бІаьргашна хьалхара къайлавалале». 7Йоабаца хилла болу нах а, кератхой а, палетхой[21] а, кхиболу майра тІемалой а Ярушалаймера арабевлира, Бихрин кІант ШебаІ схьалацархьама цунна тІаьхьабаха. 8Уьш ГавІонна уллорачу боккхачу тІулга тІе кхаьчча, царна дуьхьал Іамасаъ кхийтира. Йоабана тІехь тІемалочун духар дара, гІодаюккъехь батта чохь кхозуш тур а дара. И дуьхьалвогІучу хенахь тур батта чуьра араделира. 9Йоаба Іамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Іамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. 10Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара.
Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира. 11Йоабан цхьана бІаьхочо, Іамасаан докъа тІе а хІоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тІаьхьахІоьттина а мел верг хІинца Йоабана тІаьхьахІотта веза!» 12Ткъа Іамасаан дакъа некъа юккъехь цІийлахь Іуьллуш дара. ТІаккха бІаьхочо, тІех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Іамасаъ некъа тІера аренга дІа а такхийна, цунна тІе цхьа бедар тесира. 13Дакъа некъа тІера дІадаьккхинчул тІаьхьа, дерриг а халкъ Йоабаца цхьаьна Бихрин кІантана ШебаІана тІаьхьаделира.
14Цул тІаьхьа ШебаІ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн[22] лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаІака кхаччалц дІавоьдуш. Цу гІаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тІаьхьахІуьттура. 15Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаІакана го бира. ГІалина гонах боьттинчу тІулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тІехула гІалин керта тІе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гІалин пена тІе хІума а етташ, иза бохо хІоьттира. 16Цу гІалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тІе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогІа! ЛадогІа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа». 17Йоаб цо аьллачу метте схьавеара. Зудчо цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Йоаб?»
Цо жоп делира: «Ву».
ТІаккха зудчо элира: «Хьайн лай йолчуьнга ладогІахьара ахьа».
Йоаба элира: «Со ладугІуш ву».
18Зудчо элира: «Хьалха олуш хилла: „Шена цхьа хІума хатта луучо Абал-гІалахь хатта“. Иштта гІуллакхан сацам беш хилла. 19Тхо Исраилан халкъана юкъара машаре а, тешаме а болчу бахархойх ду. Ткъа хьо Исраилан махкахь нана санна йолу гІала хІаллакьян араваьлла ву. ХІунда гІерта хьо Везачу Элан тІаьхье хІаллакьян?»
20Йоаба жоп делира: «Соьгара и хІума дер дац шуна! Аса шун гІала хІаллак а йийр яц, я йохор а яц! 21Иза иштта дац. Амма шун гІала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кІант ШебаІ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тІе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТІаккха со шун гІалина го бинчуьра дІавер ву шуна».
Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гІалин керта тІера хьо волчу охьакхуссур бу». 22Цул тІаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дІахазош. ГІалин бахархоша, Бихрин кІентан ШебаІан корта схьа а баьккхина, Йоабана дІакхоьссира. ТІаккха Йоаба шен коьман маІа лекхира. ГІалина го бина болу эскархой шайн-шайн цІенош чу дІасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира.

 

Даудана уллохь болу нах

 

23Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь куьйгалла дан хІоттийра. 24Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тІехь куьйгалхо дІахІоттийра. Ахьлудан кІант ЯхІушапти пачхьалкхан гІуллакхаш яздархо дІахІоттийра. 25Шива йозанча вара. ЦІадуккъий, Абу-ЯтІаррий динан дай бара. 26Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Іира а.

 

21

 

Дауд а, гавІонхой а

 

1Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тІекІел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доІанна тІехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цІа а бахьана долуш ду, цо гавІонхой байина дела», – аьлла. 2ТІаккха паччахьо, гавІонхой шена тІе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавІонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тІаьхьадисинчу хІух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхІудхошна а тІевирззина гІайгІа беш волу Шаул уьш хІаллакбан гІерташ хиллера.) 3Дауда гавІонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хІун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хІун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?»
4ГавІонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тІаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан».
Дауда хаьттира: «Аса хІун дича бакъахь хетара шуна?»
5Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хІаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тІера дІадаккха а гІертара Шаул. 6Схьало тхан кара Шаулан тІаьхьенах волу ворхІ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаІ-гІалахь ирхъухкур бу».
Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дІалур бу».
7Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла. 8Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина. 9Цо уьш гавІонхойн кара дІабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тІехь ирхъоьхкира. Уьш ворххІе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дІабевлира уьш.
10АяхІун йоІа Рицпата, Іаьржа шаршу схьа а эцна, иза тІулга тІе дІаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чІогІа догІанаш декъашна тІе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Іийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тІе ца кховдуьйтура.
11Шаулан гІарбаш-зуда хилла йолчу АяхІун йоІа Рицпата динарг Дауде дІадийцича, 12Дауда, ваха а вахана, ГалІадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, пІелаштамхоша ГилбаІахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.) 13Цигара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххІе а стеган даьІахкаш а схьагулъяйтира цо. 14Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш дІайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тІехь йолчу ЦелаІ-гІаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тІе мел диллинарг деш дІахІоьттира халкъ. Цул тІаьхьа наха махкана тІера динчу доІанаша Делан дог дашийра.

 

ПІелаштамхошца хилла тІемаш

 

(1 Шерашкахь 20:4-8)

 

15ПІелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тІом дІаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тІом бан волавелира, амма иза сихха кІадвелира. 16Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цІестан йолу юьхьиг кхо бІе шекхалал еза а йолуш[23]. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гІерташ хилла. 17Амма Царуятан кІанта Абушайс кІелхьарваьккхира Дауд. Цо пІелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чІагІо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тІаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дІа ца байтархьама».
18Гоба-гІалахь кхин а тІом хилира пІелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.
19Кхин а цхьа тІом хилира пІелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯІар-Орагайман кІанта Элхьанана гатихо волу ГІолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тІера гІаж кІадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гІаж санна яра.
20Гати-гІалахь кхин а хилира тІом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пІелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пІелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 21Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаІин кІанта ЯхІунатас вийра.
22И виъ стаг Гати-гІаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.

 

Даудан хастаман назма

 

(Забур 17)

 

22

 

1ХІара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагІийн а, Шаулан карара а кІелхьарваьккхинчу дийнахь. 2Цо элира:

 

 

«Веза Эла – сан тарх, сан чІагІо,
со КІелхьарваккхархо ву.
3Иза сан Дела а, сан Тарх а ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а,
сан кІелхьарваларан ницкъ а бу,
Иза сан КІелхьарваккхархо ву,
луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо!
4Шена хастам бан хьакъ долуш волчу
Везачу Эле Аса ма кхойкху,
Цо со сан мостагІех кІелхьарвоккху.

 

5Іожаллин тулгІенаш яра суна гонах хьийзаш.
Дохаран Іовраша со вара дурс дІахьош.
6Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох,
Іожаллин бой яра суна хьалха.
7Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса.
Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со.
Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира.
Сан мохь Цуьнан лере кхечира.

 

8Латта дега а дира, ласта а лестира.
стигалийн баххаш меттах а девлира,
дега а дира, Дела оьгІазвахана дела.
9Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира,
доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара а елира.
догуш долу кІегий охьаэгара цу чуьра.
10Стигалш дІаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Іаьржа мархаш яра.
11Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза,
механ тІемаш тІехь охьавоьссира Иза.
12Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира,
хІаваэрачу Іаьржачу мархех
къайлаволу меттиг Шена йира.
13Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна,
догуш, кІегий серладуьйлира.
14Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гІовгІа яьккхира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
15Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагІий дІасалаьхкира,
дукха ткъес а хьажийна,
Цо уьш ма дарбира.
16Цуьнан оьгІазе аз дІахезча,
Цуьнан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча,
хІордийн баххаш гучудевлира,
дуьненан бух схьабеллабелира.

 

17Везачу Эло лакхаллера,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18Доьналла долчу сан мостагІийн куьйга кІелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагІех кІелхьара а ваьккхира.
19Сан де эшначу дийнахь сан мостагІий суна дуьхьалбевллера,
амма Веза Эла суна гІортор хилла дІахІоьттира.
20Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кІелхьарваьккхира со.

 

21Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цІена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.
22Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делера дІа ца верзалуш, со Іеса ца лелара.
23Цуьнан дерриг а тІедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тІера со дІа а ца волура.
24Цунна хьалха со цІена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бІаьргашкахь сан куьйгаш цІена долу дела.
26Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27ЦІена волчуьнца цІена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.
28Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху,
цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаІабо Ахьа.

 

29Веза Эла! Хьо – сан чиркх бу.
Ахьа сан бода серлабоккху.
30Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
31Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу!
Везачу Элан дош ма цІена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дІахІоьттира.

 

32Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург?
Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?
33Дала суна берриг ницкъ а ло,
ткъа Цо сан некъ нийса а бо
34Сан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхаллашкахь со чІогІа лоттуьйту.
35Сан куьйгаш Цо тІом бан а Іамадо,
сан хІинца цІестан Іад дула а тарло.
36Со кІелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан гІоьно со тІех воккха вира.
37Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.
38Сайн мостагІашна тІаьхьа а ваьлла, со ведда леллера,
уьш хІаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.
39Аса уьш, хІаллак а бина, байа а байина,
уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.
40Ахьа суна тІом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41Ахь дІабовдийтинчу сан мостагІийн баккъаш суна гина,
цундела аса со цавезнарш хІаллакбина.
42Цара шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо жоп ца лора.
43Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах,
арара хатт санна, тІе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.
44Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кІелхьарваьккхина со.
Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тІехь куьйгалла дайта.
Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гІуллакх деш лелаш ду.
45Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу,
со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтІахь хуьлий, дІахІуьтту уьш.
46Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гІора дІадаьккхина церан,
цундела уьш бегош, шайн чІагІонан меттигашкара арабуьйлура.

 

47Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда сан чІагІо волу, со кІелхьарвоккху Дела.
48Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтІахь дийриг а,
49сан мостагІех со кІелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тІехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кІелхьарваьккхира.
50Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цІе хестор а ю.
51Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а».

 

 

23

 

Даудан тІаьххьара дешнаш

 

1ХІорш ду Даудан тІаьххьара дешнаш:
«Иштта олу Юшайн кІант волчу Дауда,
иштта олу Дала вазвина волчу стага.
Якъубан Дала паччахь хила къобалвинарг а,
Исраилан халкъан хаза назманаш олург а ву иза.

 

2Везачу Элан са а ду суна чохь,
Цуьнан дош а ду сан метта тІехь.
3Исраилан халкъан Дала дийцинера,
Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера:
„Нийсонца нахана тІехь олалла дийриг,
Делах а кхоьруш, олалла дийриг,
4малх хьалаболучу Іуьйренан нур санна,
марха йоцучу Іуьйренан нур санна,
лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу
догІа сецча хуьлу серло санна ю“.
5Сан тІаьхьенца вац ткъа Дела?
Дала соьца массо а ханна болу барт бина,
цуьнан чІагІо йохор а яц, хийцалур а яц.
Суна мел гІо деш дерг а,
суна мел лууш дерг а,
хуьлуьйтур дац ткъа Цо?
6Ткъа Іеса нах хир бу, дІакхуссуш долу кІохцалш санна,
цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу.
7Царах дІахьакхавала лууш волчо,
шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу.
И кІохцалш шаьш долччохь цо дагадо».

 

Даудан уггар майра тІемалой

 

(1 Шерашкахь 11:10-41)

 

8ХІорш ю Даудан майрачу тІемалойн цІерш:
тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархІ бІе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тІамехь эшийна.
9Оцу кхаанна юкъара шолгІаниг ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар хилла. ПІелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тІаме тІекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПІелаштамхой цигахь тІом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла. 10ЭлиІазар хилла цигахь, пІелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тІом беш. Цо, шен куьг, кІад а делла, туьрана тІелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиІазар толам баьккхина ваьллачул тІаьхьа, тІемалой тІегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тІера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хІума ца диснера.
11КхоалгІаниг хилла ХІарар-гІалара волу АгІин кІант Шама. Лахьи цІе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дІайийначу кха тІехь, тІом бан схьагулбелла пІелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пІелаштамхойх дедда дІадахана. 12Амма Шамас, цу кха юккъехь дІа а хІоьттина, пІелаштамхой эша а бина, и меттиг кІелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла.
13Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пІелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогІи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Іадулам олучу хьеха чу. 14Дауд цу хенахь чІагІйинчу меттехь вара, ткъа пІелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гІалахь хилла. 15Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?» 16ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 17Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала.
Иштта хьуьнаре гІуллакхаш дора цу майрачу кхаа тІемалочо.
18Йоабан ваша, Царуятан кІант волу Абушай, цу ткъе итт тІемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бІе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза. 19Цу кхаа турпалхочун чул а чІогІа цІе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дІахІоьттина а вара, амма иза церан могІаре вогІуш вацара.
20ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан[24]. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. 21Кхин а цхьа чІогІа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хІара карахь гІаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхІус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. 22И тайпа хьуьнаре гІуллакхаш дина хилла ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вевзаш вара. 23Иза ткъе иттаннал чІогІа цІе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийра БенъяхІу.
24Коьрта ткъе итт тІемалочунна юкъабогІуш бара:
Йоабан ваша ІасахІал,
Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан,
25хьародхой болу Шама а, Эликха а,
26палтихо волу Хьелац,
такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира,
27Іанатотхо Абу-Іезар,
хьушатхо Мубани,
28ахьохьахо Цалмун,
натІупатхо Махьран,
29натІупатхо волчу БаІнин кІант Хьалид,
бен-яманхойн ГебаІ-гІалара Ребин кІант Ита,
30пІарІатунхо БенъяхІу,
ГаІашан тогІешкара ХІиди,
31Іарбатхо волу Абу-Іалбан,
бархьумхо волу Іазмават,
32шаІалбанхо Элияхьба,
Яшанан кІентий,
ЯхІуната,
33хІарархо ШамаІ,
хІарархо волчу Шараран кІант Ахьиам,
34маІхахочун Ахьасбин кІант Эли-Пулат,
гилохо волчу Ахьи-Тупалан кІант ЭлиІам,
35кармалхо Хьецари,
арбахо волу ПаІра,
36Цобарчу Натин кІант ИгІал,
гадахо волу Бани,
37Іамминхо волу Цалакх,
Царуятан кІентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай,
38итархо волу Іира,
итархо волу ГІараб,
39хьетахо волу УръяхІу.
Уьш массо а ткъе вуьрхІитта стаг вара.

 

Дауда халкъ дагардар

 

(1 Шерашкахь 21:1-27)

 

24

 

1Веза Эла юха а оьгІазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гІой, Исраил-махкахь а, ЯхІуд-махкахь а долу халкъ дагарде». 2Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гІой, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта».
3ТІаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бІозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хІунда оьшу иза?» 4Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тІеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дІа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара.
5Йордан-хил дехьа а бевлла, ІаруІерахь севцира уьш, тогІи чохь йолчу гІалина къилбехьа. Цу тІера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯІзир-гІала йолчу дІабахара. 6ТІаккха уьш ГалІада а, ТІахтайм-Хьудшин а латтанашка дІабахара, уьш кхин а Дан-ЯьІнехула чекхбевлира. ТІаккха уьш, го а баьккхина, ЦІадан йолчу бахара. 7Иштта Цорарчу гІопехула а, хьаьвихойн а, канаІанхойн а гІаланашкахула а чекхбевлира. ТІаьххьара а ЯхІуд-махкана къилбехьа Іуьллучу Беар-ШабаІе кхечира уьш. 8Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира. 9Нах багарбаран жамІ паччахье дІаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу бархІ бІе эзар исраилхо хилар, ткъа яхІудхо – пхи бІе эзар стаг.
10Ша халкъ дагардина ваьллачул тІаьхьа, юьхьІаьржачу хІоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хІума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса».
11Вукху дийнахь Іуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 12Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гІой, Дауде дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таІзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“».
13Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхІ шарахь[25] мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагІех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хІуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хІун ала аса со Ваийтинчуьнга?»
14Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара». 15Цу Іуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тІекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц долчу латтанаш тІехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. 16Ярушалаймана тІе шен куьг хьалаайира Малико, иза хІаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара.
17Адам хІаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Цундела Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла».
18Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь». 19Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира. 20Аравнина ша волчу вогІуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаІийра. 21Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хІунда веана те?»
Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама».
22Аравнис Дауде элира: «СагІа даккха шайна оьшуш мел долу хІума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагІина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна. 23И ша мел ерг а ас хьуна дІало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хІума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна».
24Амма паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа! Везачу Элана лерина долу сагІа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богІу мах хьуна дІалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла. 25Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, Исраилан халкъана тІера ун дІа а даьккхира.

 

 

 

Сулим

Паччахьаллех лаьцна кхоалгІа тептар:

 

Сулим-паччахь а, кхиболу паччахьаш а

 

Дешхьалхе

 

Паччахьаллех лаьцна кхоалгІа тептар тІехь кхидІа а дуьйцуш ду Исраилан пачхьалкхах лаьцна Паччахьаллийн гІуллакхех лаьцна цІе йолчу хьалхарчу тептарш тІехь долийнарг. ХІара тептар кхаа декъе декъа тарло: 1) Исраил-махкана тІехь а, ЯхІуд-махкана тІехь а паччахь Сулим дІахІоттар а, цуьнан да Дауд дІакхалхар а (1-2 кортош). 2) Сулиман паччахьалла а, цо мел динарг а. Къаьсттина дуьйцуш ду Ярушалайм-гІалахь Делан цІа дІахІотторах лаьцна (3-11 кортош). 3) Исраилан къам шина декъе декъар, къилбаседера а, къилбера а пачхьалкхаш а йина, царна тІехь куьйгалла деш хиллачу паччахьех лаьцна дийцарш. И паччахьаш хилла, Іийса дуьнен тІе валале, уьссалгІачу бІешерашна тІекхаччалц (12-22 кортош).
Паччахьаллийн гІуллакхех лаьцна кхоалгІачу а, доьалгІачу а тептарш тІехь хІора паччахьах лаьцна дуьйцуш ду, цуьнан Деле болчу тешаме хьаьжжина, ткъа къоман аьтто оцу тешаме хиларца доьзна хеташ ду. ЦІушна Іибадат даран а, лацадогІаран а тІаьхье – бохам бу. Зийча, къилбаседерчу пачхьалкхан массо а паччахьаша шаьш Далла тешаме цахилар гойту, ткъа ЯхІуд-мехкан паччахьех лаьцна аьлча, царах цхьаберш Далла тешаме бу, ткъа вуьш бац.
Паччахьаллех кхоалгІачу тептар тІехь дукхазза Везачу Элан пайхамарех лаьцна дуьйцуш ду. Уьш Делан майра туркхаш ма бара, ткъа цара нахе дІахьедора, цІушна Іибадат а ма де, Деле ла ца дугІуш а ма хила бохуш. Эли-ЯхІу-пайхамар царах къаьсттинарг ву, ткъа цо БаІал-харцделан динан дайшна тІехь толам баккхарх долу дийцар (18-гІа корта) исбаьхьаниг ду.

 

1

 

Дауд-паччахь къанвелла хан

 

1Дауд-паччахь дикка къанвелла, хан тоьхна стаг волуш, иза хІуъа дича а вох ца лора. Паччахь вохвалийта ялхоша юргІанаш тосура цунна тІе. 2ТІаккха паччахьан уллорачара элира цуьнга: «Оха къона йоІстаг лохур ю хьуна, цо хьан гІайгІа бийр бу. Иза хьуна улло охьаюьжур ю, тІаккха хьо вохлур ву».
3Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоІ лийхира цара паччахьна. ТІаккха АбишагІ цІе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тІе ялийра цара. 4И йоІ чІогІа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.

 

Адан-ЯхІус паччахьан меттиг къовсар

 

5Кураваьллачу Хьагатан кІанта Адан-ЯхІус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кІант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гІудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира. 6Дас цкъа а, иза я важа хІунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхІу чІогІа хаза вара. Иза Абушаламал тІаьхьа вина вара паччахьна. 7Царуятан кІантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтІарих а дагаволура Адан-ЯхІу. Цара гІо а дора цунна. 8Амма динан да ЦІадукъа а, БенъяхІун кІант ЯхІу-ЯдаІ а, Ната-пайхамар а, ШамаІи а, РеІа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тІемалой а Адан-ЯхІугахьа бацара.
9Іейн-РегІал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу[1] тІулгана уллохь, Дауд-паччахьан кІентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гІуллакх деш болу берриге яхІудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагІий, эсий дайира Адан-ЯхІус. 10Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхІу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхІус.

 

Сулимах паччахь вар

 

11ТІаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаІе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кІант Адан-ЯхІу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а? 12Ткъа хІинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кІентан Сулиман а дахар ахьа муха кІелхьардаккха деза аьлла. 13Дауд-паччахьна тІе а гІой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чІагІо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кІант Сулим хьол тІаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хІинца Адан-ЯхІу хІунда хуьлуш ву паччахь?’ 14Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тІаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догІург тІе а тухуш“».
15Паччахь вуьжучу цІа чу елира Бат-ШабаІ. Паччахь чІогІа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагІ яра цу чохь. 16Бат-ШабаІа, охьа а таьІна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хІун оьшу?»
17Бат-ШабаІа жоп делира: «Сан олахо, сан паччахь! Хьайн Далла хьалха хьайн лай йолчу суна чІагІо ма йира ахьа, сан кІант Сулим хьайл тІаьхьа паччахь хилла охьахуур ву аьлла. 18Ткъа хІинца Адан-ЯхІух паччахь хилла боху. Хьуна-м, сан паччахь волу олахо, иза хаа а ма ца хаьа. 19Дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина, массо а хьан, паччахьан, бераш а, динан да Абу-ЯтІари а, тІемалойн хьаькам волу Йоаб а кхайкхина цо. Ткъа хьан лай волу Сулим цо ца кхайкхина. 20Сан паччахь волу олахо, массо Исраилан халкъан бІаьргаш хьуна тІе боьгІна бу, ахьа дІакхайкхоре ладоьгІуш, сан паччахь волу олахо, хьан метта, хьол тІаьхьа мила хир ву те бохуш. 21ХІунда аьлча сан паччахь волу олахо, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхетча, суна а, сан кІантана Сулимна а тІе бехк божор бу».
22Бат-ШабаІ паччахье йистхилла а ялале, Ната-пайхамар схьавеара. 23Паччахье хаам бира, Ната-пайхамар веана аьлла. Паччахь волчу чу а ваьлла, шен корта лаьтта кхаччалц охьатаІийра Ната-пайхамаро. (Цу хенахь Бат-ШабаІ чуьра араелира, хІунда аьлча, шен гІуллакх дахьаш, паччахь волчу цхьана стеган бен ван йиш яцара.) 24Цо элира: «Сан паччахь волу олахо! Аьллерий те ахь, хьайл тІаьхьа паччахьалла а деш, хьайн метта Адан-ЯхІу охьахуур ву аьлла? 25ХІунда аьлча Адан-ЯхІус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина. Берриге а паччахьан кІентий а, тІемалойн хьаькамаш а[2], динан да волу Абу-ЯтІари а тІе а кхайкхина, Іаш ву иза. ХІинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхІу-паччахь!“ 26Ткъа хьан лай волу со а, динан да ЦІадукъа а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а, хьан лай Сулим а ца кхайкхина цо. 27Сан паччахь волчу олахочун лаамца хилла дуй те иза? Хьан лай волчу соьга хІунда ца хаийтина те ахьа, мила хуур ву сан паччахь волчу олахочул тІаьхьа цуьнан метта паччахьалла дан?»
28ТІаккха Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкхал суна тІе Бат-ШабаІ». Иза, паччахь волчу а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. 29ТІаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кІелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, 30Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чІагІо ма-ярра, хьан кІант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана».
31ТІаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таІийна, Бат-ШабаІа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!»
32Цул тІаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тІе динан да волу ЦІадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а».
Уьш паччахь волчу чубевлира.
33Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай[3], Гихьон-шовданна йисте дІавига. 34Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. 35И хІума шаьш дина девллачул тІаьхьа юха схьавалаве иза. ТІаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга».
36ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. 37Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а».
38ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша[4] а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира. 39Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира[5]. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» 40Цул тІаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тІаьхьахІоьттира. Массо а халкъана и хІума чІогІа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора.
41ХІума юучуьра севцича, Адан-ЯхІуна а, цо кхайкхинчарна а и гІовгІанаш хезира. Ткъа коьман маІан гІовгІа хезна волчу Йоаба элира: «И хІун гІовгІа ю яьлларг? ХІун ду те гІалахь хилларг?» 42Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтІарин кІант ЯхІуната тІевеара. Ткъа Адан-ЯхІус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».
43ТІаккха ЯхІунатас Адан-ЯхІуга жоп делира: «ХІан-хІа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дІахІоттийна. 44Паччахьо динан да ЦІадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бІарзанна тІе хаийна. 45ТІаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дІадоьдуш долу халкъ чІогІа хазахетта ду, ерриг гІала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гІовгІа. 46ХІинца паччахьан метта Сулим охьахиъна. 47Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цІе хьан цІарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТІаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьІира царна. 48Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кІант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“»
49ТІаккха Адан-ЯхІус кхайкхина берш, кхера а белла, шайн-шайн цІа дІасабахара. 50Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхІу, хьала а гІаьттина, вахана сагІа доккхучу кхерчан маІех тасавелира[6]. 51ТІаккха Сулимна тІе хабар кхачийра, Адан-ЯхІу Сулим-паччахьах кхера а велла, и кхерч схьа а лаьцна, лаьтташ ву аьлла. Цо доьху шена Сулим-паччахьо чІагІо яр, шен лай Адан-ЯхІу тур тоьхна цо вуьйр вац аьлла.
52Ткъа Сулим-паччахьо элира: «Нагахь иза хІинца дуьйна дог цІена стаг хилахь, цуьнан коьрта тІера цхьа а чо лаьтта охьабожор бац, амма иза ямарта хилахь, лийр ву». 53ТІаккха Сулим-паччахьо, ялхой а бахийтина, сагІа доккхучу кхерчан уллора схьавалавайтира Адан-ЯхІу. Иза схьа а веана, Сулим-паччахьна хьалха охьатаьІира. Ткъа Сулим-паччахьо Адан-ЯхІуга элира: «Вало, хьайн цІа гІо».

 

2

 

Дауд-паччахьо Сулимна бина хьехамаш

 

1Дауд-паччахьан валаран хан тІееара. Шен кІанте Сулиме весет а деш, цо элира: 2«ХІинца со, сан хене кхаьчна долу массо а адам санна, коша вижа герга вахана. Ткъа хьо, чІагІлой, доьналла долуш хилалахь. 3Ахьа хьайн Везачу Делан весеташ ларделахь, Цуьнан некъашца а лелаш, Цуьнан хьехамаш а ларбеш, Цо билгалдаьккхинарш а, Цуьнан омра а, Муса-пайхамаран товрат тІехь яздина ма-хиллара, кхочушделахь. ТІаккха хир ву хьо массо а хІуманна тІехь кхиамаш болуш, ахьа хІуъа дахь а, миччахьа хьо гІахь а, хьанна тІе хьо водахь а. 4ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“».
5Кхин а Дауд-паччахьо элира: «Хьуна дагадогІу-кх, Царуятан кІанта Йоаба хІун дира суна? Цо Исраилан халкъан эскаран ши хьаькам вийра. Уьш бара Неран кІант Абунар, ИтІаран кІант Іамасаъ. Маьршачу хенахь, тІамехь Іанош санна, цІий Іанийра Йоаба церан. Цу шиннан цІийх дуьзира цо шен гІодаюкъара доьхкий, шен когара мачашший. 6ХІинца ахьа хьекъалца чекхдаккха и гІуллакх, амма къеналлин Іожаллица ма валийта Йоаб.
7Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь.
8Кхин а, диц ца долуьйтуш, дагалацалахь, Бахьрум олучу меттигера бен-яманхочун Герин кІант ШамаІи а ву хьуна. Со Махьанайм олучу меттиге воьдучу хенахь, цо чІогІа сардамаш доьхкира суна[7]. Иза Йордан-хин йистехь сайна дуьхьал кхетча, аса Везачу Элах дуй биънера, айса, тур тоьхна, иза вуьйр вац аьлла. 9Ткъа хьуна хьайна а хуур ду, хьо хьекъал долуш хиларе терра, иза шен цІий Іанорца эхарте вахийтархьама айхьа дан дезарг».

 

Дауд-паччахь дІакхалхар

 

10ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. 11Дауд-паччахьо Исраил-махкахь паччахьалла дина йолу ерриге а хан шовзткъа шо яра: царах Хьеврон-гІалахь ворхІ шарахь, ткъа Ярушалайм-гІалахь ткъе кхойтта шарахь. 12ТІаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чІагІделла лаьттира.

 

Адан-ЯхІун валар

 

13Цхьана дийнахь Хьагатан кІант Адан-ЯхІу, Сулиман нанна Бат-ШабаІна тІе а веана, цунна хьалха охьатаьІира. Бат-ШабаІа хаьттира цуьнга: «Маршонца дуй те хьан вар?»
Адан-ЯхІус жоп делира: «Маршонца ду», – аьлла. 14«Хьоьга деха цхьа хІума дара сан», – элира Адан-ЯхІус.
«Деха хьайна», – элира Бат-ШабаІа.
15ТІаккха Адан-ЯхІус элира: «Хьуна хаьа, и паччахьалла суна догІуш дарий. Дерриг а Исраилан халкъ соьга, хин волчу паччахье санна, хьоьжуш Іаш дара. Амма хІара паччахьалла, соьгара дІа а даьлла, сан вешина кхечи, хІунда аьлча иза Везачу Элера кхаьчна дара цунна. 16Ткъа хІинца цхьа хІума доьху ас хьоьга, ахьа иза дІа ма татталахь».
«Ала хьайна», – элира Бат-ШабаІа.
17ТІаккха Адан-ЯхІус элира: «Ас доьху хьоьга Сулим-паччахье дехар дар, хІунда аьлча цо ахьа аьллачунна дуьхьало йийр яцара. Суна цуьнгара шунамхо йолу АбишагІ сайна йига пурба дезара».
18«Дика ду, – элира Бат-ШабаІа, – хьан дуьхьа доьхур ду ас паччахье».
19Иза а аьлла, Бат-ШабаІ Сулим-паччахьна тІе яхара Адан-ЯхІус аьлларг дІадийца. Паччахь, хьала а гІаьттина, цунна хьалха охьа а таьІна, шен паччахьан гІанта тІе юха а охьахиира. Паччахьан нанна Бат-ШабаІна а деара гІант, тІаккха иза паччахьна аьтту агІор охьахиира. 20Бат-ШабаІа элира: «Сан цхьа жима дехар дара хьоьга, кхочуш ца деш ма дитахьара ахьа иза».
«Деха, сан нана, дуьхьало йийр яц ас хьан дехарна», – элира Сулим-паччахьо.
21ТІаккха нанас элира: «Шунамхо АбишагІ хьайн вешина Адан-ЯхІуна зуда хилийта дІалохьа».
22Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХІунда доьху ахьа Адан-ЯхІуга шунамхо йолу АбишагІ яхийтар? ТІаккха-м и ехна ца Іаш, паччахьалла а дІадалар хІунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтІарина а, Царуятан кІантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо». 23ТІаккха Сулим-паччахьо, Везачу Элах дуй бууш, элира: «Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, и дешнаш Адан-ЯхІус шен Іожаллина ца аьллехь. 24Везачу Эло со сайн ден Дауд-паччахьан гІанта тІе охьахаийна. Ша делла долу дош Цо кхочушдина, суна а, сан доьзална а паччахьалла а делла. Цу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас тахана Адан-ЯхІу лийриг хиларх!»
25ТІаккха Сулим-паччахьо ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу вахийтира иза вен. Цо Адан-ЯхІу вийра.

 

Абу-ЯтІарина таІзар дар а, Йоабан валар а

 

26Динан дега Абу-ЯтІарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тІе Іанатот-гІала[8] дІаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тІорказ ахь лелийна дела, цкъа хІинца ца воьйтуш вуьту ас хьо». 27Динан да Абу-ЯтІари Далла гІуллакх деш волчуьра дІаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Іелех а, цуьнан тІаьхьенах а аьлларг[9].
28Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хІунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхІугахьа бевллачарна юкъахь. ТІаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагІа доккхучу кхерчан маІаш схьалецира. 29Йоаб, ведда вахана, Везачу Элан четар чохь, сагІа доккхучу кхерчан маІаш а лаьцна, лаьтташ ву аьлла, Сулим-паччахье дІахаийтира. ТІаккха Сулим-паччахьо ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу хьажийра цига, – «ГІой, Йоаб виэ», – аьлла. 30БенъяхІус, Везачу Элан четарна чу а ваьлла, Йоабе элира: «Паччахьо аравала боху хьоьга!»
Вукхо жоп делира: «ХІан-хІа, суна кхузахь вала лаьа».
БенъяхІус паччахье дІадийцира Йоаба шега аьлларг.
31ТІаккха паччахьо БенъяхІуга омра дира: «Цо боххург дей, вен а вей, дІаволла иза. Иштта со а, сан ден тІаьхье а паргІатъер ю Йоабера баьллачу бехках, хІунда аьлча цо бехк боцучу нехан цІий Іанийна. 32Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ. 33Церан Іаьнна цІий Йоабан коьрта тІе а, цуьнан тІаьхьенна тІе а дужийла абаденналц. Ткъа Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а, цуьнан цІенна а, цуьнан паччахьаллина а Везачу Элера маршо хуьлийла абаденналц!»
34ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус вахана Йоаб вийра. Иза шен цІерачу яьссачу аренгахь дІавоьллира. 35Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо.

 

ШамаІин валар

 

36ТІаккха ШамаІи схьавалаве аьлла, омра дира Сулим-паччахьо. ШамаІига Сулим-паччахьо элира: «Хьайна Ярушалайм-гІалахь цІа а дай, кхузахь Іе, кхузара цхьана а метте дІаса а ма вала. 37Нагахь хьо, кху гІалин чуьра ара а ваьлла, Кхидрун-хих дехьа валахь, хьо вуьйр ву, ткъа иза хьан-хьайн бехкенна а хир ду».
38ШамаІис паччахье жоп делира: «Дика ду, сан паччахь волу олахо, ахьа омра ма-дарра, иза кхочушдийр ду хьан лай волчу аса». Иштта дикка хан яллалц Іийра ШамаІи Ярушалаймехь.
39Амма, кхо шо даьлча, ШамаІин ши лай Гати-гІалин паччахь волу МаІхин кІант Ахаш волчу ведда дІавахнера. ТІаккха ШамаІига хаам бира, хьан ши лай Гати-гІалахь ву аьлла. 40ШамаІи, гІаьттина, шен вир а йоьжна, Гати-гІала Ахаш волчу шен ши лай схьалаха вахара. Иштта, и шен ши лай а валош, Гати-гІалара юхавирзира ШамаІи. 41Ткъа Сулим-паччахьна тІедаьхьнера, ШамаІи, Ярушалаймера Гати-гІала а вахана, юхавирзина аьлла. 42Паччахьо, шен ялхошка ШамаІи схьа а валавайтина, элира цуьнга: «Везачу Элах дуй ца биънера аса, хьоьга дІа а хоуьйтуш, нагахь хьо миччанхьа а гІала чуьра аравалахь, цу дийннахь хьо лийр ву аьлла? Ткъа ахьа соьга: „Дика ду. Ахь боххург дийр ду ас“, – элира. 43Ас хьайга, Везачу Элана хьалха дуй бууш, дина омра кхочуш хІунда ца дира ахьа?» 44ТІаккха паччахьо кхин а элира ШамаІига: «Хьуна а, хьан дагна а хаьа сан дена Даудана айхьа дина вон. Ахьа йина хІуьттаре хьайн коьрта тІе ерзайойла хьуна Везачу Эло! 45Ткъа Сулим-паччахь декъал хуьлийла! Даудан тІаьхьенан паччахьалла меттах ма долийла Везачу Элана хьалха абаденналц!»
46ТІаккха ЯхІу-ЯдаІан кІанте БенъяхІуга Сулим-паччахьо омра дира, ШамаІи ве аьлла. Вукхо, вахана, иза вийра. Иштта велира ШамаІи.
Цу хенахь дуьйна Сулим-паччахьан паччахьалла чІагІделла лаьтташ дара.

 

Сулим-паччахьан доІа

 

(2 Шерашкахь 1:3-12)

 

3

 

1Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоІ шена а ялийна. Шен паччахьан цІа а, Везачу Элан цІа а, керт а, Ярушалайм-гІалина гонах йолу тІулган керт а дІахІоттаяллалц, Даудан гІала ялийра Сулим-паччахьо пирІунан йоІ. 2Везачу Элан цІе язъян лерина долу цІа цкъа хІинца а дина дІахІоттоза дара, цундела халкъо цкъачунна гунаш тІехь доккхура сагІа. 3Шен дас Дауда шена ма-хьеххара, дерриг а кхочушдеш, Везачу Эле шен болу безам гойтура Сулим-паччахьо. Амма Сулим-паччахьо ша а цкъа хІинца Везачу Элана сагІа дар а, хаза хьожа йогІу хІума ягийтар а сагІа доккхучу гунаш тІехь дора.
4Иштта, шен ГавІон цІе йолчу гІала вахара Сулим-паччахь, цигахь сагІа даккхархьама, сагІа даккхаран коьрта барз оцу гІалахь лаьтташ болу дела. Цигахь долчу сагІа доккхучу кхерчан тІехь эзар дийнат дагоран сагІа доккхура Сулим-паччахьо. 5ГавІон-гІалахь, Сулим-паччахь вижна волуш, гІенах Дела дуьхьалхІоьттира цунна. «Деха хьайна луъург», – элира Дала.
6Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цІена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кІант а велла, иза, хІинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гІантана тІе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тІехь битира Ахьа. 7Ткъа хІинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дІахІоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хІинца а бер санна ву. Сан хІинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. 8Ахьа хаьржина долчу, дагардина ца валлал дукха долчу Хьан халкъана юкъара Хьан лай ву со. 9Доьху Хьоьга, лохьа Хьайн лай волчу суна хьекъалалла, Хьан халкъана юкъахь нийсаниг лело а, кхелахо хила а. Іамавехьа со дика а, вон а къасто. И хьекъал ца хилча, хІокху Хьан оццул дукха долчу халкъана тІехь урхалла хьаьнга далур ду?»
10Сулим-паччахьо дехначунна резахилира Веза Эла. 11Дала элира цуьнга: «Ахьа хьайн дуьненахь йоккху хан яхъяр а ца доьхуш, хьайна хьал хилийтар а ца доьхуш, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а ца доьхуш, хьайна хьекъал-кхетам балар дехарна, кхел ечу хенахь нийса сацам бархьама, 12лур ду Ас хьуна ахьа доьххург. Ас лур ду хьуна хьекъаллий, кхетаммий, кхин хьо саннарг хьол хьалха цкъа а ца хиллачу тайпана а, кхин хІинца чул тІаьхьа хьо саннарг хир а воцучу тайпана а. 13Ахьа ца дехнарг а лур ду Ас хьуна. Алссам хьал а, сийлалла а лур ду Ас хьуна, хьо велла дІаваллалц, хьо санна паччахь кху дуьненахь кхин хир воцучу тайпана. 14Нагахь хьо Сан некъашца а лелахь, Ас тІедехкинарш а, Сан весеташ а кхочушдеш хьо лелахь, хьан да Дауд ма-леллара, Ас яхйийр ю хьан вахаран хан а».
15Ша самаваьлча, Сулим кхийтира, иза гІан хиллий. ТІаккха Ярушалайм-гІала юха а вирзина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха а хІоьттина, шен а, халкъан а сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даьккхира Сулим-паччахьо. Уьш дара дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш. ТІаккха доккха той хІоттийра паччахьо шен массо а ялхошна.

 

Сулим-паччахьан хьекъалалла

 

16Цкъа, Сулим-паччахьна тІе а еана, цунна хьалха дІахІоьттира нахаца лела ши зуда. 17Цу шиннах цхьаммо элира: «Сан олахо, со а, хІара зуда а цхьана цІа чохь Іаш ю. ХІара зуда а йолуш, аса оцу цІенна тІехь бер динера. 18Ас бер дина кхоалгІачу дийнахь хІокху зудчун а бер хилира. Оцу цІахь тхойшиъ йоцург кхин цхьа а адам дацара. 19Буса хІокху зудчун кІант, хІара цунна тІетовжар бахьана долуш, велира. 20Ткъа буьйсанна, хьан лай йолчу суна наб кхеттачул тІаьхьа, сан кІант дІа а эцна, иза шен некхана тІе а виллина, шен велла волу кІант сан некхана тІе виллина цо. 21Іуьйранна, сайн кІант вакхо со хьалагІаьттича, иза велла карийра суна. Амма дикка цуьнга хьаьжча, иза аса вина сайн кІант воцийла а хиира суна».
22ТІаккха вукху зудчо элира: «ХІан-хІа, сан кІант дийнаниг ву, ткъа хьайниг велларг ву».
Ткъа дуьххьарлерчу зудчо бохура: «ХІан-хІа, хьайниг ву велларг, дийнаниг сан кІант ву».
Иштта паччахьна хьалха къуьйсуш яра и ши зуда.
23ТІаккха паччахьо элира: «Шу шиннах хІораммо а боху дийна долу бер шен ду, тІаккха шух хІораммо а боху делларг шен бер дац. 24Схьадал суна тур», – элира паччахьо. Тур схьадеара паччахьна. 25«Вай хІинца хІара дийр ду, – элира паччахьо, – и дийна долу бер хада а дай, ах а даккхий, цунах ши дакъа де. ТІаккха хІора зудчунна цхьацца дакъа дІало».
26ТІаккха далаза бер долчу зудчун, шен кІанте болчу безамна а, цунах чІогІа къахетарна а, кийра багийра. Оцу зудчо жоп делира: «Сан олахо! Ма дейша и бер, иза дийна а долуш дІалойша оцу зудчунна».
Ткъа шолгІачу зудчо элира: «Я суна а, я цунна а ма кхочийла и кІант. Вей, дІаваккха аша иза!»
27ТІаккха, жоп луш, паччахьо элира: «И бер, ден а ца дуьйш, хІокху зудчунна дІало аш. ХІара ю кху кІентан нана!»
28Паччахьо йинчу кхелах лаьцна Исраил-мехкан дерриг а халкъана дІахезира. Цу хенахь дуьйна наха Сулим-паччахь чІогІа лара а лорура, уьш цунах оза а лора. ХІунда аьлча нахана гира, бакъдолчуьнца паччахьалла лелорхьама, Дала Сулим-паччахьна хьекъал деллийла.

 

4

 

Сулим-паччахьан пачхьалкхехь хилла болу коьрта хьаькамаш

 

1Цу тайпана, берриг а Исраил-махкана тІехь паччахь хилира Сулимах. 2Сулим-паччахьан го иштта бара:
динан да волчу ЦІадукъин кІант Іазар-ЯхІу;
3Шайшаан кІентий Элихьорап а, АхьъяхІу а – уьш бара кехаташ яздархой;
Ахьлудан кІант ЯхІушапти, пачхьалкхан гІуллакхех лаьцна яздархо;
4ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу, эскаран хьаькам волу;
динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а;
5Натин кІант Іазар-ЯхІу – иза мехкадайн куьйгалхо вара;
Натин кІант Зубади – иза динан да а, паччахьан юххера хьехамча а вара;
6Ахьишар – иза паччахьан цІентІехь хьаькам вара;
Іабдин кІант Адунурам, беза белхаш бойтучу нахана тІехь куьйгалхо волу.
7Берриг а Исраил-махкана тІехь Сулим-паччахьо дІахІоттийна шийтта мехкада вара. Цара сурсаташ дІакхачадора паччахьна а, цуьнан цІенна а. Царах хІораммо а шеран цхьана баттана догІу сурсаташ латто дезара. 8Церан цІераш иштта яра:
лаьмнашкахь болчу Эпрайм-махкахь мехкада волу Бен-Хьур.
9Бен-Декъар вара Макхац, ШаІалбан, Байт-Шамаш, Эйлон, Байт-Хьанан цІераш йолу гІаланаш юкъайогІучу мехкан мехкада.
10Бен-Хьесад вара Арубат олучу а, Соха а гІаланийн а, Хьепар олучу берриг а мехкан мехкада.
11Бен-Абунадиб вара берриг Напат-Дор олучу мехкан мехкада. Ткъа Сулим-паччахьан йоІ ТІапат цуьнан зуда яра.
12Ахьлудан кІант БаІана вара ТаІнак а, МагІидда а олучу гІаланийн а, берриг Байт-Шеан цІе йолчу мехкан а (иза бара ИзраІал-гІалина лахахь йолчу ЦІартан-гІалина юххехь), Байт-Шеан-махкара дуьйна болалуш Абел-Мехьал а, ЯкхмаІам а олучу гІаланашна тІекхаччалц болчу мехкийн да.
13Бен-ГІебар вара ГалІадан Рамат-гІалин гонах болчу мехкийн мехкада. Оцу мехкашна юкъайогІура ГалІад-махкахь йолу Маннашан кІентан Яиран ярташ. Иштта АргІаб цІе йолу Башан-махкахь йолу меттиг а, цІестан гІораш долуш, лекха керташ йолу кхузткъа йоккха гІала а яра цу юкъайогІуш.
14Іиддин кІант Ахьинадаб Махьанайм цІе йолчу мехкан да вара.
15Наптал-махкахь мехкада вара АхьимаІац. Цо Сулим-паччахьан йоІ Басамат йигнера шена.
16Хьушайн кІант БаІана вара Ашар-мехкан а, БеІалт-юьртан а мехкада.
17Иссархан-мехкан да вара Парухьан кІант ЯхІушапти.
18Элан кІант ШамаІи Бен-Яман-мехкан мехкада вара.
19Эмархойн паччахьан Сихьонан а, Башан-мехкан паччахьан ІовгІин а хиллачу ГалІад-мехкан мехкада вара Урин кІант ГІебар.
ЯхІуд-махка тІехь а цхьа мехкада хІоттийнера.

 

Сулим-паччахьо олалла дечу хенахь хилла беркат

 

20ЯхІуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хІордан йистера гІум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара. 21Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна.
22Сулим-паччахьна а, паччахьан цІентІехь цунна гІуллакх деш болчарна а, хІора дийнахь юучунна оьшуш йолу хІума иштта яра: бІе шовзткъе итт гали кІен дама а, кхо бІе гали кхин тайпана долу дама а, 23итт бустийна сту а, жа тІера цхьа бІе уьстагІ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зІакардаьхни а дара.
24Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агІор болчу Тапсахь-гІалара дуьйна Іази-гІала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агІор долчу мехкашкара паччахьашна а тІехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Іаш вара Сулим-паччахь. 25Иштта, ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а адамаш Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц хІора а шайн-шайн кемсийн а, инжир-диттийн а ІиндагІашкахь тийна-маьрша Іаш бара, Сулим-паччахь дийна мел ву.
26Йиъ эзар[10] гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин[11] а бара Сулим-паччахьан. 27Цуьнан шийтта мехкадас шеран шийтта беттан хІора баттахь цхьаццаммо Сулим-паччахьна а, цуьнца цхьаьна шуьне охьаховшуш болчарна а оьшшург латтадора. Иштта, цара цхьа а хІума ца оьшуьйтура цунна. 28Говрашна а, кхин долу мохь тІе буьллу дийнаташна а оьшуш йолу йол а, мукх а хІораммо шайн-шайн рогІехь тІебахьара паччахьна ян езачу меттиге. 29ХІордан йистера гІум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. 30Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. 31Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Іезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кІентий болчу ХІайманан а, Калкалан а, ДардаІан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цІеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь. 32Сулим-паччахьо кхо эзар кица а, цхьа эзар пхи илли а аьллера. 33Цо дуьйцура диттех лаьцна хаза хІуманаш, Ливанун-махкахь долуш долчу баганан диттах лаьцна дІаволавелла, поппарца боьттинчу пенах схьаюьйлучу бецех лаьцна а олуш. Сулим-паччахьо дуьйцура дийнатех а, олхазарех а, текхаргех а, чІерех а лаьцна долу хІуманаш. 34Сулим-паччахьан хьекъалаллех лаьцна хезначу дуьнен чуьра массо а паччахьаша хьажийна болу, массо а къаьмнех болу нах оьхура Сулим-паччахье ладогІа.

 

Сулим-паччахьо Делан цІа дан а, керт ян а кечам бар

 

(2 Шерашкахь 2:1-18)

 

5

 

1Цора-гІалин паччахь волу Хьирам Дауд-паччахь дийна волчу хенахь цуьнан доттагІа вара. Ткъа хІинца, Дауд-паччахьан метта цуьнан кІант Сулим паччахьалла дарна къобалвина аьлла, шена хезча, Хьирама шен геланчаш бахийтира цунна тІе. 2ТІаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дІа а олуш:
3«Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХІунда аьлча цуьнан тІом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагІий когаш кІел охьабахккалц. 4Ткъа хІинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агІор. ХІинца бац я мостагІий, я кхин дуьхьало ян а хІумма дац. 5Иштта, хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гІанта тІе охьахаор волчу хьан кІанта дІахІоттор ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. 6Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хІоттор боллу мах дІалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хІунда аьлча тхан бац шун цІаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш».
7Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чІогІа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кІант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тІехь цуьнга олалла дайтархьама!» 8ТІаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дІаала:
«Аса ладуьйгІира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна. 9Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш».
10Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. 11Ткъа Сулим-паччахьо бІе эзар гали кІа а, цхьа эзар биъ бІе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хІора шарахь Хьирам-паччахьан цІахь мел волчунна. 12Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира.
13ТІаккха Сулим-паччахьо Исраил-мехкан дерриг а халкъана тІедожийра ткъе итт эзар стаг белхаш байта гулвар. 14ТІаккха уьш хийца а хуьйцуш, итт-итт эзар хІора баттахь Ливанун-махка болх бан бохуьйтура. Цара цхьана баттахь болх бора, ткъа шина баттахь уьш цІахь Іара. Адунурама куьйгалла дора царна тІехь. 15Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тІулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан. 16Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бІе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тІе хІоттийна, царна а, цара бечу балхана а тІехьожуш. 17Даккхий деза тІулгаш доуьйтура Сулим-паччахьо, тІаккха уьш тІулган говзанчашка нисдойтура, Везачу Элан цІе язъян лерина долчу цІийнан бух боттийтархьама. 18И дитташ а, тІулгаш а хьакха а хьокхуш, кечдеш бара Сулим-паччахьан а, Хьирам-паччахьан а белхалой а, Гебал-гІалара пхьераш а. Кхаа шарахь кечдира цара уьш, Делан цІа дІахІотторхьама.

 

6

 

Делан цІа дІахІоттор

 

1Исраилан халкъ Мисар-махкара схьадирзина диъ бІе дезткъа шо даьлча, Везачу Элан цІа дан долийра Сулим-паччахьо. Иза дара Сулим Исраил-мехкан паччахь хІоьттина доьалгІа шо долуш, Зив олучу шеран шолгІачу баттахь. 2Сулим-паччахьо Везачу Элан цІе язъян дечу цІийнан дахалла кхузткъа дол, шоралла ткъа дол, лакхалла ткъе итт дол барам бара. 3ЦІенна хьалха йина уче яра. Иза цІийнан дохалле а, шоралле а терра ткъа дол еха а, итт дол шуьйра а яра. 4ЦІенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. 5ЦІенна тІехиттина гІишлош йира. Чухулара езачу чоьнна гонах а йолуш, агІонаш тІехь гобаьккхина яра оцу гІишлойн чоьнаш. ГІишлойн тІехиттина чоьнаш лакхалла тІекІелйина яра, кхо гІат а долуш. 6Хьалхарчу гІатан шоралла пхи дол, шолгІачу гІатан ялх дол, ткъа кхоалгІачу гІатан шоралла ворхІ дол бара. Цу тІе хоьттина йолчу гІишлона тІедехкина долу тІеш Везачу Элан цІийнан оганна чу ца диссийнера. И тІеш оцу тІехоьттиначу оганийн терхина тІедехкинера. 7Везачу Элан цІа дечу хенахь, тІулгаш, лаьттах шаьш схьадохучу меттехь кеч а дой, схьадахьара. Белхалоша я жІов етташ, я диг тухуш, я кхин долу эчиг вовшахдетташ татанаш ца дора и цІа дечу меттигна уллохь. 8Юккъерачу гІат[12] тІе воьдийла цІийнан аьтту агІор дара. Цу чу воьдуш, горга а долуш, тІегІанаш дара, ткъа оцу чуьра тІехуларчу кхоалгІачу гІат тІе а цу тайппана долчу тІегІанашна тІехула волура. 9Цу тайппана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа. ЦІенна тІехь баганан диттийн ханнех тхов байтира Сулим-паччахьо. 10ЦІийнан лакхарчу агІонашна тІе хиттиначу чоьнийн лакхалла пхи дол яра. И чоьнаш цІенна тІехиттинера баганан диттийн ханнашца.
11ТІаккха Везачу Элан дош кхечира Сулим-паччахье: 12«Иштта, Сан цІа деш ву хьо. Нагахь хьо Сан хьехамашца а лелаш, Ас билгалдаьккхинарг а деш, Сан весеташ кхочуш а деш лелахь, Ас кхочушдийр ду Айса хьан дега, Дауде, делла ваІда. 13Со хир ву Сайн исраилхошна юкъахь. Ас дуьтур дац Сайн долахь долу Исраилан халкъ».
14Цу тайпана, дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа.

 

Делан цІен тІехь бина чухулара белхаш

 

(2 Шерашкахь 3:8-14)

 

15ЦІенна чухула долчу пенашна тІе лаьттара дуьйна тхов тІе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цІенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. 16ЦІийнан тІехьа агІор, йистера ткъа дол барамехь дІахилош, оганаш а хІиттийна, чоь йира, цуьнан пенех а, тхевнах а баганан диттийн ханнаш туьйхира. Иза уггар еза чоь яра. 17Оцу чоьнна хьалха агІор йолу чоь яхалла шовзткъа дол яра. 18Чухула агІор пенах тоьхначу аннашна тІехь гІабакхийн а, дІаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тІехь аьгна дина. Массо а агІор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тІулг гуш а бацара.
19Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ чудиллархьама, йинера и уггар еза чухулара чоь. 20И уггар еза чухулара чоь яхалла а, шоралла а, лакхалла а ткъа дол яра. И чоь ерриг а цІеначу деших йира. Баганан ханнех бинчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. 21Иштта дерриг цІа а, чохь цІена деши а диллина, дІахІоттийра. Уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха зІенаш ехкира, царна тІе а деши диллира. 22Дерриг цІенна а, уггар езачу чухуларчу чоьнна а хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу кхерчана а деши диллира. 23Уггар езачу чухуларчу чоьнна чохь зайт-диттийн дечигах дина шина каруб-маликан сурт дара. Церан лакхалла итт дол барамехь яра. 24Хьалхарчу каруб-маликан цхьа тІам а, шолгІаниг а пхиппа дол барамехь бара. Цхьана тІома тІера, вукху тІома тІе кхаччалц итт дол барам бара. 25Оццу барамехь а, куьцехь а дара шолгІачу каруб-маликан сурт а. 26Цхьана каруб-маликан суьртан лакхаллин барам итт дол бара, шолгІачун а изза барам бара. 27ЦІийнан чухула йинчу сийлаллин-езачу чохь дІахІиттийра оцу каруб-маликийн суьрташ. Церан тІемаш дІасадаьржина дара. Цхьаннан тІам цхьана пенах хьакхалора, ткъа вукхун тІам дуьхьал болчу пенах хьакхалора. Ткъа важа чухула долу тІемаш чоьнан юккъехь вовшех хьакхалора. 28Царна тІе а Сулим-паччахьо деши диллийтира.
29Оцу цІийнан дерриг а пенашна тІе, чухула а, тІехула а, гобаьккхина аьгначу тІамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дІаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. 30Шина цІа чуьра цІенкъа тІе а деши диллира.
31Уггар езачу чухуларчу чоьнна чу воллучохь йолу неІарш зайт-диттан дечигах йинера, церан пхи са болу гур бара. 32Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. 33Иштта езачу чоьнна чу воллучохь а хІоттийнера зайт-диттан дечигах йина неІарш, ткъа церан гураш биъ са болуш бара. 34Кхин ши неІ яра зоьзан-диттан дечигах йина. Оцу шина неІаран шишша дакъа меттахдоккхуш дара. 35Царна тІехь а даьхна каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ дара. Оцу суьрташна тІе а цхьатерра аьгна деши диллира. 36ТІаккха чухулара керт дІахІоттийра. Иза хьаькхначу тІулгийн кхаа могІанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могІанах а йинера.
37Сулим-паччахь шен дарже веанчу доьалгІачу шарахь Зив олучу шеран шолгІачу баттахь бух ботта болийнера Везачу Элан цІенна. 38Ткъа цхьайтталгІачу шеран Була олучу баттахь (иза шеран борхІалгІа бутт бу) Везачу Элан цІа дина чекхделира. Ша хила деззачу куьцехь дина дІахІоттийра иза. И цІа Сулим-паччахьо ворхІ шарахь дира.

 

7

 

Сулим-паччахьан цІа

 

1Шена а цІа дайтира Сулим-паччахьо. Иза кхойтта шарахь дина чекхдаккхийтира цо. 2Иштта «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолу паччахьан цІа дайтира Сулим-паччахьо. Оцу цІийнан гІишлойн яхалла бІе дол, шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол яра. Цо цІа дира баганан дечигах беа могІарехь дІахІиттийначу бІогІамашна тІехь. Ткъа цу бІогІамашна тІехула дехкира баганан диттийн дечигах долу тІеш. 3Шовзткъе пхеа баганан диттан бІогІамашна тІе пхийтта тІай диллира моггІара, оццу диттан дечигах тхов тиллира. 4Дуьхь-дуьхьал болчу шина пенна тІера кораш кхаа могІарехь дара. Иштта цхьана пенан хІора кор вукху пенах долчу корана дуьхьал дара. 5Ерриг неІарш, неІарийн гураш еакІов дара, ткъа кор корана дуьхьал дара кхаа могІарехь.
6Цо бІогІамех уче тІейира, яхалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе итт дол а йолуш. Ткъа цунна хьалха бІогІамашна тІехь лаба а, неІсагІа а дира.
7Къаьстина кхин цхьа чоь яра Сулим-паччахьан, цу чохь паччахьан деза гІант дара хІоттийна. Оцу чоьнах «кхел еш йолу чоь» олура, хІунда аьлча цу чохь адамашна кхел йора Сулим-паччахьо. Оцу чуьра цІенкъа а баганан диттан аннех яра.
8Сулим-паччахьан ша Іаш волу цІа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цІенна тІехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цІа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирІунан йоІана а.
9И массо а гІишлош дезачу тІулгех йина яра. ТІулгаш, шина а агІор херхаца хеда а дина, шайн-шайн барамашкахь нисдина дара. Уьш бух тІера дуьйна тхов тІе кхаччалц а, арахьара дуьйна йоккхачу керта чу кхаччалц а дехкина дара. 10ГІишлойн бух буттуш, деза а, даккхий а тІулгаш дехкинера. Цхьадерш итт дол шуьйра дара, вуьш – бархІ дол шуьйра дара. 11ТІехула а дара нийсса хьаькхна а, шайн-шайн барамехь а долу тІулгаш. Иштта баганан дечиган тІеш а дара дехкина. 12Хьаькхна нисдинчу тІулгех кхо могІа а, баганан дечигах бина цхьа могІа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цІийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт.

 

Цора-гІаларчу Хьираман говза болх

 

13ТІаккха Цора-гІалара Хьирам[13] цІе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо. 14Иза йисина Іаш йолчу цхьана зудчун кІант вара. Напталан тІаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цІестан пхьар вара. ЦІастанах муьлхха а хІума ян говзалла а, похІма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гІуллакхаш кхочушдира Хьирама.

 

ЦІестан ши бІогІам

 

(2 Шерашкахь 3:15-17)

 

15Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. 16Оцу бІогІамашна тІехула дилла цІастанах таж доьттира Хьирама. Церан хІораннан лакхалла пхи дол яра. 17БІогІамашна тІехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тІе юьйцинчу зІенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хІора тажана тІехь ворхІ-ворхІ яра. 18ТІаккха оцу бойнна гонах бІогІамашна тІехь долчу тажана тІехула цІастанах дина тІедехкина ши могІа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгІачу бІогІамна тІера тажана тІе а дехкира уьш.
19ЦІенна хьалхарчу ученех гІортийна дІахІиттийначу хазачу бІогІамашна тІехь таьжнаш дара. Уьш петІамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш. 20Оцу шина бІогІам тІехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могІанашца тІедехкина ши бІе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. 21Везачу Элан цІа чу воллучохь, учехь, цІестан ши бІогІам дІахІоттийра Хьирама. Цхьа бІогІам къилбехьа хІоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цІе тиллира Хьирама (и цІе «Дала дІахІоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дІахІоттийра. Цунах «БоІаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду). 22Иштта дехкира оцу бІогІамашна тІе петІамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш.
Иштта чекхбелира Хьираман бІогІамаш дІахІотторан болх.

 

ЦІастанах бина хІорд

 

(2 Шерашкахь 4:2-5)

 

23ТІаккха лалийначу цІастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 24Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могІара дехкина цІестан гІабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. 25И боккха цІестан яй шийтта цІестан старана тІехь лаьтташ бара. Кхо цІестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦІестан яй церан баккъашна тІе биллина бара, ткъа стерчийн тІехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. 26Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура.

 

ЦІестан кІелхІотторгаш

 

27ТІаккха итт цІестан кІелхІотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тІехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХІора кІелхІотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. 28И кІелхІотторгаш иштта йинера: церан деакІов пенаш дара, уьш гурашна тІе хаийнера. 29Гурашна чухула долчу пенашна тІе а, гурашна тІе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цІастанах дина дикка дІасадаьржина долу таьжнаш дара. 30ХІора кІелхІотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХІора сонехь ена тІехуттуш йина гІортораш яра. Оцу гІорторашна тІехь цІастанах дина тІедиллина таьжнаш дара. 31Ткъа гІорторана тІехула даьккхина Іуьрг дара, цхьа дол хиллал кІорга а долуш. И Іуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Іуьргашна тІехула аьгна даьхна суьрташ дара. КІелхІотторган агІонашна тІера пенаш, горга а доцуш, деакІов дара. 32Пенашна кІел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гІорторашна тІе чІагІйина яра. ХІора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра. 33ХІора чкъург яра гІудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хІазарш а, чІораш а, чкъурган милкаш а цІастанах йина яра. 34ХІора кІелхІотторган беа сонехь цхьацца гІортор яра. Ткъа хІора гІортор оцу кІелхІотторгах цхьаьна хоьттина йина яра. 35КІелхІотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тІехІоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кІелхІотторгана тІе. 36Оцу кІелхІотторган пенаш тІехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. 37Иштта, итт кІелхІотторг йинера Хьирама. Уьш ерриш а цІастанах йоьттина яра, церан хІораннан а цхьа барам а бара, цхьа кеп а яра.
38ТІаккха цІестан итт юьхь-куьг дуьлург йира Хьирама, уьш хІора а диъ дол барамехь яра. ХІора юьхь-куьг дуьлургана чу биъ бІе чами хи доьдура. Уьш оцу йина дІахІоттийна йолчу итт кІелхІотторгна тІе йиллира. 39Пхи кІелхІотторг къилбехьа агІор, ткъа важа пхиъ къилбаседехьа, аьрру агІор дІахІоттийра Хьирама. Везачу Элан цІийнан къилба-малхбалехьа агІор дІахІоттийра цо чохь хи долу и боккха цІестан яй.

 

Везачу Элан цІа а, керт а хазъян Хьирама йина хІуманаш

 

(2 Шерашкахь 4:11–5:1)

 

40Иштта Хьирама кхин а дира тесаш, кегий белаш, кегий кедаш. ТІаккха чекхбехира Хьирама Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьна беш болу берриг а белхаш.
41Иштта ши бІогІам а буьйгІира Хьирама,
царна гонах таьжнийн ши го а бира.
ТІаккха оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт диллира цо.
42Оцу бойнан шина суьрта тІе диъ бІе цІестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бІогІамашна тІе дехкинчу таьжнашна тІерачу бойнийн суьрташ тІе дехкира шишша могІа.
43Иштта йира цо итт юьхь-куьг дуьлург, шайна бухахь итт кІелхІотторг а йолуш.
44Хи чудотта цхьа цІестан яй, цунна бухара шийтта цІестан сту а,
45тесаш а, белаш а, кедаш а дира Хьирама.
Везачу Элан цІийнан кертахь мел йина хІума а, заьнгала динчу цІастанах йинера цо Сулим-паччахьна. 46И дерриг а хІума Йордан-хин йистехь, сацкъаран латта тІехь йоттийтира Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦІартан а олучу меттигашна юккъехь. 47И ерриг хІума а Сулим-паччахьо шен-шен метте дІахІоттаяйтира. И хІуманаш тІех дукха хиларна, уьш еш дайчина цІастанан барам буста а ца лора.
48Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра:
хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч,
Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол;
49цІеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агІор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агІор хІиттийна йолу),
зезагийн суьрташ,
чІурам хІотторгаш, морзахаш,
50бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогІу хІума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кІора дІасабахьа нойш цІеначу деших дина еш;
уггар езачу чоьнан чуьра неІарийн а, Делан цІийнан вукху неІарийн а кІажаш, деших дина долу.
51Иштта чекхбаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна шена бан лиъна болу берриг белхаш. Шен дас, Дауда, Везачу Элана лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хІуманаш цу цІа чу ехкира Сулим-паччахьо. Везачу Элан цІийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хІуманаш а дІаелира Сулим-паччахьо.

 

Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ Делан цІа чу диллар

 

(2 Шерашкахь 5:2–6:2)

 

8

 

1Цул тІаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Іаш волчу Ярушалайм-гІала шена тІекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цІе йолуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. 2Иштта Этаним олучу шеран ворхІалгІачу беттан дезачу деношкахь[14] дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 3Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, динан дайша бертан тІорказ схьаийцира. 4Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хІуманашца, схьа а эцна, дІадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 5Ткъа Сулим-паччахь а, цуьнца цхьаьна иза волчу гулделла Исраил-мехкан дерриг халкъ а оцу дезачу тІорказна хьалха бара. Цара Далла лерина дийнатийн сагІанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 6ТІаккха динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а эцна, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар езачу а чоьн чохь йолчу шен метте дІахІоттийра, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел. 7ХІунда аьлча оцу маликийн суьртийн тІемаш цу тІорказна тІехула дІасадаржийна дара, цундела тІорказ а, цуьнан гІуркхаш а дІахьулдора цара. 8И гІуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйолура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агІор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а лаьтташ ю цу чохь. 9Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. И тІулган экъанаш Муса-пайхамаро ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, уьш Мисар-махкара арабаьхначул тІаьхьа. 10Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. 11И Везачу Элан цІа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дІа шайн гІуллакх дан ца делира динан дайшка. 12ТІаккха Сулим-паччахьо элира:
«Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта[15],
ткъа Шен боданехь Іан лаам бу аьллера Цо.
13Амма аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».

 

Сулим-паччахьо халкъе дІахьедар до

 

(2 Шерашкахь 6:3-11)

 

14Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. 15ТІаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 16„Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас[16] Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“
17Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. 18Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цІе язъян лерина долу цІа хІоттадан хьан чІогІа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 19Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“.
20Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна. 21Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тІеязбина йолу тІулгийн экъанаш чу йохку деза тІорказ латто меттиг кечйина аса оцу цІа чохь».

 

Сулим-паччахьо дина доІа

 

(2 Шерашкахь 6:12-42)

 

22ТІаккха Сулим-паччахьо, сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, 23элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тІехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьа хІоьттинчу Хьайн лешна. 24Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 25Ткъа хІинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. 26Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош!
27Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. 28Делахь а, дІахозийла Хьуна сан доІа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доІанан а. 29Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 30ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІа а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна.
31Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоттавахь, хІокху Хьан цІа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 32ТІаккха стигалахь волчу Ахьа дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггІург а деш.
33Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагІчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цІа чохь волчу Хьоьга доІанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 34стигалшкахь церан доІа дІа а хазий, гечдехьа хІокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тІе уьш юхаберзабехьа.
35Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. 36ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна делла хилла долчу.
37Нагахь хІокху лаьтта тІе адамашна я мацалла тІеягІахь, я адамаш хІаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хІума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дІадаккхахь, я цІоз, я нІаьна тІелатахь, я шайн лаьтта тІехь адамаш Іен ца дуьтуш, мостагІа тІегІортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 38тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, 39доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, цуьнан доІа дІахазий, гечдехьа цунна, гІо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хІора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хІора стагана а доггІург цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина дехьа. 40Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.
41Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догІур ду Хьан цІеран дуьхьа. 42ХІунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цІарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богІур бу, кху Хьан цІенна тІе а бирзина, доІанаш дан. 43ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар.
44Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гІой, шайн мостагІех лата аьлла. Масала, хІокху Ахьа хаьржинчу гІаланехьа а, Хьан цІе язъян лерина дІахІоттийначу цІенна тІе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доІанаш дахь, 45доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.
46Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. 47Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 48Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, 49тІаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. 50Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хІуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагІий царна къинхетаме хилийтахьа. 51ХІунда аьлча иза Ахьа Хьайн дола даьккхина Хьан халкъ ма ду. Йогучу пешара эчиг санна долу Хьайн халкъ арадаьккхинера Ахьа Мисар-махкара.
52Хуьлийла хьан лергаш а, Хьан бІаьргаш а сема Хьайн лай волчу сан а, Хьайн Исраилан халкъан а доІанашна, уьш Хьайга кхойкхучу хенахь даим а Хьуна дІахазархьама. 53ХІунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».

 

Халкъ декъалдар

 

54Лаьтта гора а хІоьттина, куьйгаш стигала хьала а кховдийна, Везачу Эле доІа деш вара Сулим-паччахь. Шен доІа чекх а даьккхина, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана уллора дІа а хилла, 55халкъана хьалха а хІоьттина, чІоггІачу озаца, гулделла долу халкъ Деле декъалдар дийхира Сулим-паччахьо. 56Цо элира: «Декъал ву Веза Эла, Шен Исраилан халкъана синтем белла волу, Ша цунна дош ма-даллара. Везачу Эло Шен лай волчу Мусагахула лур ду аьллачу диканех цхьа а ца дисина кхочуш ца деш. 57Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дІа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. 58Доьху ас Везачу Эле вайн дегнаш Шена тІедерзор, Цуьнан некъашца вай лелийтархьама. ТІаккха вай кхочушдийр ду Дала вайн дайшна делла долу весеташ а, хьехамаш а, тІедехкинарш а. 59Вайн Везачу Далла даим а, дийнахь а, буса а дагахь хуьлийла хІара сан доІа а, сан дехарш а, Шен лай волу со а, Шен Исраилан халкъ а де дийне мел долу а бакъхилийтархьама. 60Иза ду, Веза Эла бакъволу цхьа Дела вуйла а, кхин Дела воцийла а массо а къаьмнашна хаийтархьама. 61Ткъа шу, адамаш, кхоччуш муьтІахь хила деза вайн Везачу Далла. Аша Цуьнан хьехамаш кхочушбан а беза, Цуьнан весеташ, хІинца санна, лардан а деза».

 

Везачу Элан цІа даздар

 

(2 Шерашкахь 7:4-10)

 

62ТІаккха паччахьо а, массо а цуьнца болчу исраилхоша а Везачу Элана сагІа даьккхира. 63Сулим-паччахьо Везачу Элана бертан сагІина ткъе ши эзар бежана а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара. Иштта Сулим-паччахьо а, массо исраилхоша а Везачу Элан цІа даздира. 64Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора.
65ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. 66Цул тІаьхьарчу дийнахь Сулим-паччахьо халкъ дІасахийцира. ТІаккха, паччахь декъал а веш, шайн хІусамашка юхадоьрзура адам. Халкъ самукъадаьлла дара, Везачу Эло шен лай волчу Дауд-паччахьна а, Шен Исраилан халкъана а дина дика хазахетта.

 

ШозлагІа а Сулим-паччахьна Дела дуьхьалхІоттар

 

(2 Шерашкахь 7:11-22)

 

9

 

1Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, шена ян мел лиъна хІума а йина чекхвелира. 2ТІаккха юха а, ГавІон-гІалахь хьалха дуьхьал ма-хІоттара, шозлагІа а дуьхьалхІоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. 3Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. 4Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. 5ТІаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цІийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тІехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. 6Амма шу я шун тІаьхьенах болу паччахьаш Сох дІаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дІа а теттина, кхечу деланашна тІе а дирзина, царна аша Іибадат дахь, 7тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. 8Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ 9ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“».

 

Сулим-паччахьна а, Хьирам-паччахьна а юкъахь хилла барт

 

(2 Шерашкахь 8:1,2)

 

10Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа деш а, шен паччахьан цІа дІахІоттош а ткъа шо делира. 11И белхаш бечу хенахь, Цора-гІалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгІатна елира Сулим-паччахьо. ХІунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна. 12Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира. 13«ХІара хІун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» – элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цІе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цІе йолуш ду. 14Хьирам-паччахьо цхьа бІе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна.

 

Сулим-паччахьо дина кхидолу гІуллакхаш

 

(2 Шерашкахь 8:3-18)

 

15Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цІа а, керт а дІахІоттаяйтира, шена паччахьан цІа а дайтира. Милло цІе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дІахІиттийра. Иштта Хьацор а, МагІидда а, ГІазар а цІераш йолу гІаланаш а дІахІиттийра цо. 16(ПирІун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГІазар-гІалина тІе а гІоьртина, иза схьаяьккхинера. ТІаккха, и гІала цІергахь яга а йина, оцу гІалахь Іаш болу канаІанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоІана томана еллера пирІуно и ГІазар-гІала. 17ТІаккха Сулим-паччахьо юха меттахІоттийнера ГІазар-гІала.) Лахара Байт-Хьорон цІе йолу гІала а тойина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 18Иштта ЯхІуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дІахІоттийра БаІалт цІе йолу а, Тамар цІе йолу а гІаланаш. 19Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тІаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гІишлош а, ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 20Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а 21тІаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хІинца а тахханалц леш бу. 22Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара.
23Пхи бІе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тІехь урхалла дан дІахІоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тІехь хьаькамаш бара.
24ТІаккха, Даудан гІалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цІа чу елира пирІунан йоІ. Цул тІаьхьа Милло цІе йолу терхийн басенаш йина дІахІиттийра паччахьо.
25Ша Везачу Элана дІахІотийначу сагІа доккхучу кхерчан тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, бертан сагІанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа.
26Сулим-паччахьо хІордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хІордан йистехь Эйлат цІе йолчу гІалина уллора Іецйон-ГІебар олучу меттехь. 27ХІордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хІордкеманашна тІехь гІуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо. 28Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира.

 

Шеба-махкара йолу зуда-паччахь Сулим волчу яр

 

(2 Шерашкахь 9:1-12)

 

10

 

1Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цІе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тІееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. 2Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гІала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тІехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогІучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 3Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. 4Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цІа а. 5Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дІахІотто чагІар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, чІогІа инзаръяьллера иза. 6Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 7Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. 8Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 9Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».
10ТІаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бІе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогІучу бецийн хьакхарш а, деза тІулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогІу хІуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра.
11(Хьирам-паччахьан хІордкеманаша а Апар-махкара деши деара. Цу махкара Хьирам-паччахьо деара дуккха а цІен дечиг а, деза тІулгаш а. 12Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІегІанашна тІехула хьалаволучу хенахь, куьйгаца схьалаьцна, хьалавала аьтто беш йолу гІортораш яйтира Сулим-паччахьо. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ХІетталц цкъа а я деана а, я гина а дацара оццул долу цІен дечиг.)
13ТІаккха Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкара еанчу паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а ша совгІатна еллачул а сов. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

 

Сулим-паччахьан хьал

 

(2 Шерашкахь 9:13-29)

 

14Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 15И деши доцург, йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а, берриг а Іаьрби-махкарчу паччахьаша а, шен мехкадайша а деши дахьара Сулим-паччахьна.
16ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал[17] туьйсина деши дахнера. 17Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана цхьа бІе шовзткъе итт шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо.
18Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. 19Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантан букъ туху агІо тІехулара горга яра. ГІантан шина а агІор куьйган голаш хІотторгаш яра, царна хІоранна уллохь дина лоьмийн суьрташ дара. 20Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.
21Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхин йолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. 22Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.
23Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 24Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 25Шо шаре мел долу дукха адам догІура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богІуш цара хІораммо а совгІаташ дахьара: детих а, деших а йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш.
26Чкъургаш йолу дойн гІудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гІудалкхаш цхьа эзар йиъ бІе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гІалахь дІахІиттайора Сулим-паччахьо. 27Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 28Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик[18] цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. 29Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тІехь йинчу дойн гІудалкхийн мах ялх бІе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.

 

11

 

Сулим-паччахь Дала бохучунна тІера дІаверзар

 

1Хийрачу мехкашкара зударий безара Сулим-паччахьна. ПирІунан йоІ йоцург, царна юкъахь бара муабахойн, Іамминхойн, эдомхойн, цІаданхойн, хьетахойн йоІарий. 2Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тІаьхьа ца хІиттадайтархьама». Амма и зударий тІех дукха безарна, корта дІабаханера Сулим-паччахьан. 3Иштта, ворхІ бІе зуда а, кхо бІе гІарбаш-зуда а яра Сулим-паччахьан. Оцу зударша бакъболчу некъа тІера дІаваьккхира Сулим-паччахь. 4Сулим-паччахь къанвелча, цу зударша шайн деланашкахьа дІаверзийра иза. Цундела Сулим-паччахьан дог, шен ден Даудан ма-хиллара, шен Везачу Далла дерриг а дІаделла дацара. 5ЦІаданхойн Іаштарт[19] цІе йолчу далла а, МилкІом[20] цІе йолчу чІогІа боьхачу Іамминхойн далла а тІевирзира Сулим-паччахь. 6Иштта Везачу Элана хьалха шех зулам далийтира Сулим-паччахьо. Иза, шен да Дауд санна, кхоччуш тІаьхьа ца хІоьттира Везачу Элана. 7ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу. 8Иштта шен хийрачу мехкашкара ялийначу массо а зудчунна шайн-шайн деланашна баьрзнашна тІехь хІиттийначу кхерчаш тІехь хаза хьожа йохуьйту меттигаш а, сагІа доккху меттигаш а кечъяйтинера Сулим-паччахьо.
9Веза Эла оьгІазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хІоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дІадерзадарна. 10Везачу Эло ца магийнера Сулим-паччахьна кхечу деланашна тІаьхьахІоттар, амма Сулим-паччахьо кхочуш ца дира Везачу Эло шега дина омра. 11ТІаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. 12Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хІинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кІентан карара дІайоккхур ю Ас и пачхьалкх. 13Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана».

 

Сулим-паччахьан мостагІий

 

14ТІаккха Везачу Эло Эдом-махкара паччахьан доьзалера волу ХІадад, Сулим-паччахьан мостагІа а вина, дуьхьалваьккхира цунна. 15Иза иштта хилира: хьалха Дауд-паччахьо Эдом-махкаца тІом бечу хенахь цу тІамехь белларш дІабохкархьама веана волчу эскаран хьаькамо Йоаба балаза бисина болу берриг а эдомхойн божарий байира. 16Йоаб а, кхиболу исраилхой а ялх баттахь Іийра цигахь, шаьш берриг а эдомхойн божарий хІаллакбаллалц. 17Ткъа ХІадад цу хенахь жима бер дара. Иза шен ден ялхой болчу масех эдомхочуьнца Мисар-махка дІаведдера. 18Мадани-махкара дІа а бевлла, уьш Паран цІе йолчу яьссачу аренга дІабахара. ТІаккха оцу Паранера адамаш а далош, Мисар-махкара пирІунна тІе баьхкира уьш. И пирІун Мисар-мехкан паччахь вара, цо, ХІададна Іан меттиг а, латта а, юург а елла, тІеийцира иза. 19ПирІуно, ша ХІададна чІогІа резахиларна, шен зудчун йиша яхийтира цуьнга маре. Паччахьан зудчун цІе Тахьпанайса яра. 20Оцу ХІададан зуда йолчу Тахьпанайсин йишас кІант вира цунна. Оцу кІантана Ганубати цІе тиллира. Тахьпанайсас и кІант паччахьан керта валийра, иза пирІунан берашца цуьнан кертахь Іаш вара. 21Мисар-махкахь ша Іаш волуш, ХІададна хезира, Дауд-паччахь, вала а велла, шен дайх дІакхетта хилар а, иштта эскаран хьаькам Йоаб а велла хилар а. ТІаккха ХІадада элира пирІуне: «Ахь со дІахецахьара, сайн махка цІа верза йиш хир яра сан».
22Ткъа пирІуно хаьттира ХІададе: «Со волчохь хьуна хІун ца тоьънера, хьайн махка верза хьан лаам хила?»
ХІадада жоп делира: «Дерриг а дара сан, делахь а дІахецахьа со», – аьлла.
23Кхин а цхьа мостагІа дуьхьалваьккхира Дала Сулим-паччахьна. Иза вара ЭлидаІан кІант Ризун, шен олахо волчу Цоба-мехкан паччахьах ХІадад-Іезарх дІаведда волу. 24Дауд-паччахьо ХІададІезар-паччахьна тІехь толам баьккхича, шена гонах адамаш а гулдина, оцу жимачу эскаран хьаькам хилира ЭлидаІан кІант Ризун. Уьш Дамасакх-гІала бахара, цигахь а бисина, паччахьаша санна, олалла дора цара. 25Даим, Сулим-паччахь дийна мел ву, Исраил-мехкан мостагІа вара Ризун. ХІадада динчу зуламашна иза а тІекхийтира. Ткъа Ризуна, арамхойн паччахь а хилла, Исраил-махкана зулам дора.

 

Дала ЯрбаІаме делла дош

 

26НабатІан кІант ЯрбаІам а велира Сулим-паччахьна дуьхьал. ЦІарда-юьртара эпраймхо волу ЯрбаІам Сулим-паччахьан ялхо вара. Цуьнан нана ЦаруІат йисина Іаш яра. 27Ткъа хІара ду ЯрбаІам Сулим-паччахьна дуьхьалваларх лаьцна дийцар. Сулим-паччахьо Милло цІе йолу терхийн басенаш меттахІоттаяйтинера. Иштта шен ден Даудан гІалина гонах долу пенаш а тодойтуш хилла иза. 28ЯрбаІам онда стаг вара. Цо болх бечу хенахь Сулим-паччахьна гира цу къонахчунна шен болх дика бан хаар. ТІаккха Сулим-паччахьо Юсупан тайпанах болчеран махкахь болх беш болчу массарна а тІехь хьаькам хІоттийнера ЯрбаІам. 29Цхьана дийнахь ЯрбаІам Ярушалайм-гІалара араваьлла вогІуш вара. Новкъахь цунна шилунхо волу, АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар дуьхьалкхийтира. Ткъа оцу аренгахь уьш шаьш бара. 30ТІаккха АхьъяхІус, шена тІера цІена бедар схьа а яьккхина, иза шийтта декъе йийкъира. 31Цул тІаьхьа АхьъяхІус ЯрбаІаме элира: «Схьаэца хьайна царах итт дакъа. ХІунда аьлча иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ас, екъа а екъна, схьайоккхур ю Сулим-паччахьан карара пачхьалкх. Хьуна цунах итт дакъа дІалур ду Ас. 32Амма цхьа дакъа Сулиман карахь дуьтур ду Ас, Сайн лай волчу Даудан дуьхьа а, Исраил-мехкан юкъара Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а. 33Иза Ас дийр ду, Сулим-паччахь, Ас бохучунна тІера дІа а ваьлла, цІаданхойн цІу-далла Іаштартана а, муабахойн цІу-далла Камошна а, Іамминхойн цІу-далла МилкІомна а Іибадат дан волавелла дела. Иза, Сан некъа тІера дІа а ваьлла, Сан хьехамаш ца лоруш, Сан весеташ кхочуш ца деш дІахІоьттина. Цу гІуллакхашна тІехь Сулим-паччахь шен дех Даудах ца тарвелира. 34Амма Ас ерриг а пачхьалкх схьайоккхур яц Айса хаьржинчу Сулим-паччахьан карара. Сан весеташ а, Сан хьехамаш а лардина волчу, Ас хаьржинчу Сайн лайн Даудан дуьхьа могуьйтур ду Ас Сулимана ша велла дІаваллалц паччахьалла дан. 35Амма цуьнан кІентан карара дІадоккхур ду Ас и паччахьалла, ткъа хьоьга пачхьалкхан итт декъана тІехь олалла дойтур ду Ас. 36Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. 37Ас хІинца хоржу хьо, ткъа тІаьхьа ахьа олалла дийр ду хьайн дагна лиъначу хІуманна тІехь. Хьо хир ву Исраил-мехкан паччахь. 38Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду. 39Ас охьатаІор ю Даудан тІаьхье, Сулим-паччахьо иштаниг шегара далийтарна, амма иза гуттаренна а дийр дац, цхьана ханна бен“».
40Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаІам вийна дІаваккха лууш вара. ТІаккха ЯрбаІам Мисар-махка дІаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тІе а вахана, Сулим-паччахь дІакхалххалц Мисар-махкахь Іийра.

 

Сулим-паччахьан дІакхалхар

 

(2 Шерашкахь 9:29-31)

 

41Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан хьекъалаллех а лаьцна – яздина ду Сулим-паччахьан гІуллакхех долчу тептар тІехь. 42Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тІехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 43ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам.

 

Къилбаседера тайпанаш карзахдахар

 

(2 Шерашкахь 10:1-19)

 

12

 

1РахьбуІам Шехем-гІала дІавахара, хІунда аьлча берриге а исраилхой цига дІабаханера, иза паччахь дІахІотторхьама. 2Шена иза дІахезча, НабатІан кІант ЯрбаІам Мисар-махкахь висира. Цигахь иза Сулим-паччахьах ведда ваххарх Іаш вара. 3Амма цара, ЯрбаІамна тІе нах а бахийтина, цуьнга юхаверзар дийхира. ТІаккха ЯрбаІам а, массо исраилхой а РахьбуІам волчу дІабахча, халкъо цуьнга элира: 4«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гІуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хІинца дайдехьа. ТІаккха оха хьуна хьалхара гІуллакх дийр дара».
5РахьбуІама элира: «Кхо де даьлча юхадуьйла суна тІе, аса жоп лур ду шуна». Халкъ дІадахара.
6РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимна хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.
7Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь, таханлерчу дийнахь хьо оцу халкъана ялхо а хилла, ахьа царна гІуллакх а дахь, цаьрца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».
8Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хІун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“».
10РахьбуІамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча диллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цІазапІелг сан ден гІодаюкъал а стомма бу. 11Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна“».
12Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаІам а, дерриг халкъ а кхозлагІчу дийнахь РахьбуІамна тІедеара. 13Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дІа а теттина, 14кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуІама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна». 15Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
16Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира:
«Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац!
Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай!
Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой.
Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!»
Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. 17Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира.
18Цо белхалошна тІехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тІе, амма исраилхоша иза, тІе тІулгаш кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуІам сихха гІудалкха чу хиира, Ярушалайме дІавадархьама. 19Иштта тахханалц а Даудан цІенна дуьхьалбевлла Іаш бу исраилхой.
20ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа.

 

ШамІа-ЯхІу-пайхамаро бина хаам

 

(2 Шерашкахь 11:1-4)

 

21РахьбуІама, Ярушалайме схьа а веана, дерриге а ЯхІудан цІийнах а, Бен-Яманан тІаьхьенах а волу цхьа бІе везткъа эзар тоьлла тІемало схьагулвира. Исраилан цІийнах болчаьрца тІом а бина, Сулим-паччахьан кІентан РахьбуІаман кара паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 22ШамІа-ЯхІу цІе йолчу Делан стаге Дала элира: 23«Сулиман кІант волчу яхІудхойн паччахье РахьбуІаме а, ЯхІудан, Бен-Яманан тІаьхьенах болчу массаьрга а, кхидолчу халкъе а дІаала: 24„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“». Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, уьш Цо ма-бохху юхабирзира.

 

ЯрбаІам Делах дІаверзар

 

25ЯрбаІама Эпрайм-лам тІехь йолу Шехем-гІала чІагІйира. Иза цу чохь ваха охьахиира. Эццара дІа Пенуал-гІала а вахана, иза чІагІйира цо. 26Шен дагахь ЯрбаІама бохура: «Паччахьалла дар юха а Даудан тІаьхьенан карадерза там бу. 27Нагахь халкъо, Ярушалайме а оьхуш, Везачу Элан цІийнан кертахь сагІа даккха доладахь, адамийн дегнаш юха а яхІудхойн паччахь волчу РахьбуІамна тІедоьрзур ду. ТІаккха цара со вуьйр ву».
28ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». 29Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. 30Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. 31Иштта гунаш тІехь Везачу Элан а, харцделанийн а цІенош догІийтира ЯрбаІама. Массо а халкъана юкъарчу нахах динан дай бина дІахІиттийра цо, уьш Левин тІаьхьенах боццушехь.

 

Бетал-гІалахь Іибадат дарна дуьхьал дош алар

 

32Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь ЯхІуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гІалахь а, деших ша динчу эсашна сагІанаш а дохуш. Бетал-гІалахь ша динчу сагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх деш динан дай дІахІиттийра цо. 33Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь, ша билгалбаьккхинчу баттахь, исраилхошна ша хІоттийначу дезачу дийнахь, ша дІахІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІе вахара иза, цигахь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама.

 

 

13

 

1ЯрбаІам-паччахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхІуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гІала веара. 2Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». 3Оццу дийнахь Делан стага цхьа билгало елира, иштта дешнаш а аьлла: «И дешнаш Везачу Элера хиларан билгалонна хІара хир ду: и лаьтташ болчу сагІа доккхучу кхерчах, эккха а иккхина, ши дакъа хир ду, цунна тІера чим дІаса а баьржар бу».
4Делан стага Бетал-гІалахь сагІа доккхучу кхерчехьа а вирзина аьлла дешнаш шена хезча, ЯрбаІама, шен куьг дІа а кховдош, элира: «Схьалаца иза!» ТІаккха Делан стагехьа дІакховдийна долу цуьнан куьг заьІап хилира. ЯрбаІаме шен куьг меттах а ца даккхалора. 5СагІа доккху кхерч шина декъе бекъабелира, цунна тІера чим дІаса а баьржира. Иза хилира Делан стага йинчу билгалонца, Везачу Эло цунна омра ма-дарра. 6ЯрбаІам-паччахьо Делан стаге элира: «Хьайн Везачу Деле суна тІера доІа а дай, дехахьа сан куьг тодар».
Делан стага Везачу Эле дийхира. Паччахьан куьг, ша хьалха ма-хиллара, тоделла дІахІоьттира. 7Паччахьо Делан стаге элира: «Ахьа, соьца цІа чу а волий, яа хІума яа. Аса хьуна совгІат дийр ду».
8Амма Делан стага паччахье элира: «Ахьа хьайн бахамах ахдакъа суна делча а, вогІур вац со хьоьца. Аса бепиг а дуур дац, хи а мер дац хІокху меттехь, 9хІунда аьлча Везачу Эло тІедиллина суна: „Бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь эццахь, хьо дІаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“, – аьлла». 10Бетал-гІала ша схьавеанчу новкъахула а ца воьдуш, кхечу новкъахула юхавирзира иза.

 

Бетал-гІалара къена пайхамар

 

11Бетал-гІалахь вехаш вара пайхамар волу цхьа къано. Оцу пайхамаран кІенташа[21], бахка а баьхкина, Делан стага цу дийнахь динарг дерриг а дІадийцира цуьнга. Иштта Делан стага паччахьна мел аьлларг дІадийцира пайхамаран кІенташа. 12Дас хаьттира цаьрга: «Муьлхачу новкъахула дІавахара иза?» КІенташа шайн дена гайтира муьлхачу новкъахула дІавахара ЯхІуд-махкара веана волу Делан стаг. 13Пайхамаро шен кІенташка элира: «Суна вир дІайожа». Вир дІаюьйжира, иза цунна тІехиира. 14Пайхамар Делан стагана тІаьхьавахара. Иза ножан диттана кІел хиъна Іаш а карийна, пайхамаро цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и ЯхІуд-махкара веана хилла волу Делан стаг?»
Вукхо элира: «Со ву».
15Пайхамаро элира: «Сан цІа чу а волий, бепиг даа хьайна».
16Вукхо жоп делира: «Юха а вирзина, хьан цІа вогІийла дац сан. Дуур дац аса хьо волчохь бепиг а, мер дац аса кхузахь хи а, 17хІунда аьлча Везачу Элан дош ду соьга: „Эццахь бепиг а ма даалахь, хи а ма малалахь, хьо дІаваханчу новкъахула юха а ма верзалахь“», – аьлла.
18Пайхамаро элира: «Со а ву хьо санна пайхамар. Везачу Элан омрица цхьана малико соьга аьлла: „Хьайн цІа юхаверзаве иза. Цуьнга бепиг а даийта, хи а малийта“». Амма пайхамаро аьлларг харцдерг дара.
19Цо шега и аьлча, Делан стага, юха а вирзина, пайхамаран цІахь бепиг а диира, хи а мелира. 20Уьш яа хІума юуш бохкуш, и стаг юхаверзийначу пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 21ЯхІуд-махкара веанчу Делан стаге пайхамаро элира: «Везачу Эло хІара боху: „Ахьа Везачу Эло аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьан Везачу Дала бохург а ца деш, 22юха а вирзина, Дала хьайга ‘бепиг ма даалахь, хи ма малалахь’ аьллачу оцу меттехь ахьа бепиг а даарна, хи а маларна, хьан дакъа дайн къубба чу дуьллур дац“».
23Делан стаг бепиг диъна а, хи мелла а ваьлча, пайхамаро вир дІаюьйжира цунна. 24И стаг дІаволавелира. Иза новкъахула воьдуш, дуьхьал лом кхийтира цунна. Лоьмо и стаг цистира. Новкъахь Іуьллучу цуьнан докъана уллохь лом а, вир а лаьттара. 25Уллохула чекхдовлучу адамашна новкъахь дІатесна Іуьллу дакъа а, цунна юххехь лаьтта лом а гира. Пайхамар волу и къано вехаш волчу гІала а бахана, оцу наха и дерриг а дІадийцира.
26И дерриг а шена дІахезча, стаг юхаверзийначу пайхамаро элира: «Везачу Элан дашна дуьхьало йина волу Делан стаг ву иза. Везачу Эло лоьман кара дІавелира иза. Везачу Эло цуьнга аьлла ма-хиллара, лоьмо, цеста а цестина, иза вийра». 27Пайхамаро шен кІенташка элира: «ДІайожал суна вир». КІенташа вир дІаюьйжира. 28Пайхамар новкъавелира. Новкъахь дІатесна Іуьллу Делан стеган дакъа гира цунна. Ткъа цунна уллохь лаьтташ виррий, ломмий дара. Лоьмо дакъа а ца диънера, вир а ца цистинера. 29Пайхамаро, Делан стеган дакъа схьа а эцна, иза вир тІе а диллина, юхадеара. Пайхамар волу и къано шен гІала юхавирзира, цуьнан дакъа дІа а дуллуш, белхар хІотторхьама. 30Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кІентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яІ, сан ваша!» – бохуш. 31И стаг дІавоьллинчул тІаьхьа цо шен кІенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дІавоьллинчу къубба чохь дІаволла со а. Цуьнан даьІахкашна улло сан даьІахкаш а яхка. 32ХІунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тІе-ма-диллара, Бетал-гІаларчу сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гІаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цІеношна дуьхьал а аьлларг».

 

ЯрбаІама бохам боккхуш латийна къа

 

33И хІума хиллачул тІаьхьа а шен харцнекъаш тІера дІа ца велира ЯрбаІам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагІа доккхучу гунийн динан дай дІахІиттабора цо. Шена дІахІитто мел лиънарш ЯрбаІама къобалбора сагІа доккхучу гунашна тІехь динан дайша санна гІуллакхдарна. 34Оцу гІуллакхо ЯрбаІаман цІентІехь мел волчуьнга къинош летадойтура, ткъа и бахьана долуш тІаьхьо цуьнан тІаьхьенна бохам хилира, иза лаьтта тІера дІа а йоккхуш.

 

14

 

ЯрбаІаман кІант валар

 

1Цу хенахь ЯрбаІаман кІант Аби-ЯхІу цомгуш хиллера. 2ЯрбаІама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тІе хийцина хІума а юхий, Шилун-гІала гІо. Цигахь вехаш АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар ву. Со хІокху халкъан паччахь хилла дІахІоттор ву аьлла, хаам бинера цо. 3Хьайца итт бепиг, масех хьокхам, кхаби чохь моз а хьош, и пайхамар волчу гІо. Цо эр ду хьоьга вайн кІантах хиндерг».
4Зудчо ЯрбаІама боххург дира. Иза, Шилун-гІала а яхана, АхьъяхІун цІа еара. АхьъяхІу са гуш вацара. ЧІогІа къена хиларна, цуьнан бІаьрса дайнера. 5Везачу Эло АхьъяхІуга элира: «ЯрбаІаман зуда ю хьуна тІе йогІуш, шен кІантах хиндерг хьоьга хаттархьама. И кІант цомгуш ву. И зуда ша ца йовзийта тІе хийцина хІума юьйхина хир ю». ТІаккха Везачу Эло цуьнга элира оцу зудчуьнга ала дезарг.
6ЧуйогІучу оцу зудчун когийн тата шена хезча, АхьъяхІус элира: «Чуйола, ЯрбаІаман зуда. Ахьа хьайн йоцу бедар тІе хІунда юьйхира? Вон кхаъ бу сан хьоьга ала. 7Яло, дІа а гІой, ЯрбаІаме ахьа ала: „Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: ‘Дерриге а халкъана юкъара хьо лакха а ваьккхина, Сайн Исраилан халкъан баьчча вина дІахІоттийра Аса. 8Даудан цІийнан паччахьалла, схьа а даьккхина, Аса хьан кара делира. Амма хьо сан ялхо волу Дауд санна вац. Дауда сан весеташ а кхочушдора, шен доггах Суна тІаьхьа а хІоьттира иза, Суна нийса хеташ дерг бен ца деш. 9Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. 10Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. 11ЯрбаІаман цІийнах волу гІали чохь велла муьлхха а стаг жІаьлеша вуур ву. Аренгахь беллачарна стигалан олхазарша зІок еттар ю. Иштта боху Везачу Эло!’“»
12ТІаккха АхьъяхІу-пайхамаро ЯрбаІаман зудчуьнга элира: «Ткъа хІинца хьайн цІа гІо. Ахьа гІали чу ког боккхушехь, хьан кІант лийр ву. 13Дерриг а Исраилан халкъо белхар хІоттор ду, тІаккха иза дІавуллур ву. ЯрбаІаман доьзалх иза цхьаъ бен дІавоьллина хир вац, хІунда аьлча ЯрбаІаман цІийнах болчарна юкъахь бен цхьа а диканиг ца карийна Исраилан халкъан Везачу Далла. 14Везачу Эло Исраилан халкъана тІехь керла паччахь хІоттор ву. Цо ЯрбаІаман цІа хІаллакдийр ду. Иза кестта хир ду. 15Хино лестош болу эрз санна хилла, дІахІоттор ду Везачу Эло Исраилан халкъ Шен таІзарца. Ша исраилхойн дайшна деллачу токхечу лаьтта тІера орамашца бухдоккхур ду Везачу Эло и халкъ. Оцу халкъо, Веза Эла дарвеш, шайна Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІитторна, Эпрат-хил дехьа а даьккхина, дІасадаржор ду иза. 16ЯрбаІам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду».
17ЯрбаІаман зуда, хьала а гІаьттина, Тирца-гІала юхайирзира. Цо шен цІа чу ког боккхушехь, цуьнан кІант велира. 18Везачу Эло Шен ялхо волчу АхьъяхІу-пайхамарехула ма-аллара, и кІант дІавоьллира, массо а исраилхоша цунна белхар хІоттийра.

 

ЯрбаІаман валар

 

19ЯрбаІам-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо бинчу тІамех а, цо динчу паччахьаллех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 20ЯрбаІама ткъе шина шарахь паччахьалла дира. ТІаккха, дІа а кхелхина, иза шен дайх дІакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Надаб.

 

ЯхІудхойн паччахь РахьбуІам

 

(2 Шерашкахь 11:5–12:15)

 

21Сулим-паччахьан кІант РахьбуІам яхІудхойн паччахь вара. РахьбуІам паччахь хилла дІахІуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цІе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гІаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуІаман ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра.
22ЯхІудан халкъо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шаьш летош долчу къиношца шайн дайша чул а сов дарвора яхІудхоша Веза Эла. 23Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. 24Оцу махкахь а бара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дІалелхийначу наха мел лелийна дегаза гІуллакхаш леладора яхІудхоша а.
25РахьбуІам паччахь волу пхоьалгІа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тІелетира. 26Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІуманаш дІаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. 27Церан метта РахьбуІам-паччахьо цІестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цІийнан ков лардечу гІаролхойн хьаькамийн караделира. 28Паччахь хІоразза а Везачу Элан цІа чу волуш, гІаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тІаьхьа гІаролхойн цІа чу шен метте охьадохкура цара уьш.
29РахьбуІаман кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 30РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь ца соцуш тІом лаьттира. 31ТІаккха РахьбуІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. РахьбуІаман метта цуьнан кІант Аби-ЯхІу дІахІоьттира паччахь хилла.

 

ЯхІудхойн паччахь Аби-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 13:1–14:1)

 

15

 

1НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошна тІехь паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, Аби-ЯхІу яхІудхойн паччахь хилла дІахІоьттира. 2Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Цуьнан ненан цІе МаІха яра. Иза Абушаламан йоІ яра. 3Аби-ЯхІу-паччахьо а летадора хьалха шен дас летийна доллу къинош. Цуьнан ден да волу Дауд шен Везачу Далла даггара тІевирзина вара, ткъа Аби-ЯхІу Везачу Далла даггара тІевирзина вацара. 4Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. 5Везачу Дала иштта дира, хІунда аьлча Дауда гуттара а Далла нийса хетарг лела а дора, ша мел веха а Дауд цкъа а Везачу Элан весеташ тІера дІа ца велира, хьетахо волчу УръяхІуна ша динчу цхьана хІуманна тІехь доцург. 6Аби-ЯхІу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом лаьттира. 7Аби-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь а тІом лаьттира. 8Аби-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Аби-ЯхІун метта паччахь хилира цуьнан кІант Аса.

 

ЯхІудхойн паччахь Аса

 

(2 Шерашкахь 15:16–16:6)

 

9ЯрбаІама Исраил-махкахь паччахьалла ден ткъолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Аса. 10Цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе МаІха яра. Иза Абушаламан йоІ яра. 11Аса-паччахьо, ша схьаваьллачу Дауда санна, Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш дора. 12Оцу махкара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий дІа а лелхийна, шен дайша вина массо а цІу дІаваьккхира цо. 13Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Асас, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И цІу, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. 14СагІа доккху гунаш дІа ца дехира цо. Амма ша дийна волчу хенахь Везачу Элана тешаме вара иза. 15Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Везачу Элан цІа чу ехкира Аса-паччахьо.
16Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахьна БаІшина а юкъахь тІом лаьттира цу шиммо паччахьалла динчу массо а хенахь. 17Исраилхойн паччахь БаІша ЯхІуд-махкана тІелетира. Цо Рама-гІала чІагІйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тІе я ара, я чу ца валийтархьама. 18Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІера а хазнаш чохь дисина долу дерриг дети а, деши а, схьа а эцна, иза шен ялхойн кара дІаделира Аса-паччахьо. ТІаккха цаьрга и дерриг дети а, деши а дІадахьийтира цо Хьезиюнан кІентан ТІабримунан кІант волчу Бен-Хьадиде. Бен-Хьадид Дамасакх-гІалахь Іаш волу Арам-мехкан[22] паччахь вара. Аса-паччахьо цаьргахула хаам бира: 19«Барт бойла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса совгІатна дети а, деши а доуьйту хьуна. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаІшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тІегІоьртина волчуьра дІавалийтархьама».
20Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Бен-Хьадид-паччахьо толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Байт-МаІак а гІаланашна а, берриг Наптал-махкана а тІехь, шена чу Канарот-мохк а богІуш. 21И дерриг а шена хезча, БаІша-паччахь, Рама-гІаланах чІагІонан гІап яр саца а дина, Тирца-гІалахь ваха охьахиира.
22Ткъа Аса-паччахьо берриг а ЯхІуд-махкахула халкъе омра дора, цхьа а стаг юкъахь ца вуьтуш, массо а яхІудхоша Рама-гІалара тІулгаш, дечиг арадаккха аьлла. Уьш БаІша-паччахьо и гІала чІагІъян гулдина дара. Ткъа Аса-паччахьо цаьрца Бен-Яманан ГибаІ-гІала а, МицІпа-гІала а чІагІйира.
23Аса-паччахьо динчу кхидолчу массо а хІуманех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех, цо мел кхочушдинчух, цо чІагІъяйтинчу гІаланех лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Ткъа Аса-паччахь къанвелча, цуьнан когех цамгар кхийтира. 24ТІаккха Аса-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Цуьнан метта паччахь хІоьттира ЯхІушапти.

 

Исраилхойн паччахь Надаб

 

25Аса-паччахьо ЯхІуд-махкахь олалла дечу шолгІачу шарахь ЯрбаІаман кІант волу Надаб исраилхойн паччахь хилира. Надаба шина шарахь паччахьалла дира исраилхошна тІехь. 26Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.
27Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхІун кІанта БаІшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пІелаштамхойн Габитун-гІалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гІалина го бинчу хенахь. 28ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла ден кхоалгІа шо долуш вийра БаІшас Надаб-паччахь. ТІаккха цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира БаІша.
29БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. 30И дерриге а хилира, ша летийнчу къиношца а, ша Исраилан халкъе летадайтинчу къиношца а ЯрбаІама Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвахийтина дела.
31Надаб-паччахьан кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 32Аса-паччахьна а, исраилхойн паччахь волчу БаІшина а юкъахь тІом лаьттира цара паччахьалла динчу массо а хенахь.

 

Исраилхойн паччахь БаІша

 

33Аса-паччахьо ЯхІуд-махкахь олалла дечу кхоалгІачу шарахь массо а исраилхошна тІехь паччахь хилла дІахІоьттира АхьъяхІун кІант БаІша. Тирца-гІалахь а Іаш, цо исраилхошна тІехь ткъе деа шарахь паччахьалла дира. 34БаІша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаІама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора.

 

 

16

 

1Хьананин кІант волчу ЯхІу-пайхамаре Везачу Эло, БаІша-паччахьна лерина хаам а беш, элира: 2«Аса хІумма а воцучу хьох Сайн Исраилан халкъан баьчча вира, ткъа хьо ЯрбаІам-паччахьан новкъахула вахана, Сан Исраилан халкъ къинойх а дузуш. Цара шаьш летош долчу къиношца Со дарвина. 3ХІинца Аса дІавоккхур ву хьо а, цуьнан цІийнах мел верг а. НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна диннарг дийр ду Аса хьан цІенна а. 4Хьан цІийнах волу гІалахь велларг жІаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зІакарш еттар ю».
5БаІша-паччахьан кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел кхочушдинчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 6БаІша, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Тирца-гІалахь дІавоьллира. БаІшин метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Эли.
7Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кІант волчу ЯхІу-пайхамарехула БаІше а, цуьнан цІийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гІуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гІуллакхаш тІехь иза ЯрбаІаме тарваларна а, иштта, ЯрбаІаман цІа хІаллакдарна а, БаІшас Веза Эла чІогІа дарвора.

 

ЯхІудхойн паччахь Эли

 

8ЯхІудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира БаІшин кІант Эли. Тирца-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 9Паччахьан гІудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гІалахь паччахьан цІенна тІехь хьаькам волчу Арцин цІахь маларо вахийна Іаш вара Эли. 10Оццу хенахь, цу цІа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхІалгІа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хІоьттира.
11Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаІшин дерриг а цІа хІаллакдира. БаІшин цІийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагІашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. 12Иштта, Везачу Эло БаІшех лаьцна ЯхІу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаІшин цІа хІаллакдинера. 13И дерриг а хилира БаІша-паччахьо а, цуьнан кІанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. 14Эли-паччахьан кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

 

Исраилхойн паччахь Зимари

 

15ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гІалахь ворхІ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пІелаштамхойн Габитун-гІалина го бинчу хенахь. 16Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тІеман хьаькам волу Іумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дІахІоттийра. 17Іумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гІалара дІа а дахана, Тирца-гІалина го бира. 18Шена гІала дІалаьцнийла хиъча, паччахьан цІийнан чІагІйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тІаьхьа паччахьан цІийнах цІе а тесна, велира. 19Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. 20Зимарин кхидолчу хІуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

 

Исраилхойн паччахь Іумари

 

21Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кІантана Тибанина тІаьхьахІоьттира, иза паччахь хІотто дагахь, ткъа вуьш Іумарина тІаьхьахІиттира. 22Іумарина тІаьхьахІоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кІантана Тибанина тІаьхьахІоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Іумари паччахь дІахІоьттира. 23ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Іумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гІалахь олалла дира цо. 24Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах.
25Іумари шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. 26Иза массо а хІуманна тІехь НабатІан кІант ЯрбаІам лелла хиллачу новкъахула лелара, ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтина къинош а летадеш. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора исраилхоша. 27Іумари-паччахьо динчу кхидолчу хІуманех лаьцна – цо кхочушдинчу гІуллакхех а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 28Іумари, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. Цуьнан кІант волу Ахьаб цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира

 

Исраилхойн паччахь Ахьаб

 

29ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхІитталгІа шо дара, Іумарин кІант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттича. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Іумарин кІанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тІехь олалла дира. 30Іумарин кІант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. 31НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. 32Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. 33Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. 34Ахьаб-паччахь волчу заманчохь Бетал-гІаларчу Хьиала Ерихон-гІала юхаметтахІоттийра. Хьиала оцу гІалин бух биллийтинчу хенахь, цуьнан воккхах волу кІант Абирам велира. Ткъа Хьиала цу гІалин ков дІахІоттийначу хенахь цуьнан жимах волу кІант Чагуб а велира. Иза хилира Нунин кІант волчу ЮшаІехула Везачу Эло аьлла ма-хиллара.

 

17

 

Эли-ЯхІу-пайхамаро Далла гІуллакх дар

 

1ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц».
2ТІаккха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: 3«ХІокху меттера дІа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Іин чохь дІалачкъа. 4Оцу Іин чуьра хи мер ду ахьа. Ткъа хьуна юург латтор къигашна тІедиллина Аса», – аьлла.
5Везачу Эло шега аьлларг Эли-ЯхІус кхочушдира. Иза, вахана, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Іин чохь сецира. 6Къигаша бепиг а, жижиг а дохьура Эли-ЯхІуна Іуьйранна а, суьйранна а. Іин чуьра хи а молура цо. 7Цхьа хан яьллачу хенахь, догІанаш ца дарна, оцу Іин чуьра хи лекъира.

 

Эли-ЯхІу а, Сарпат-гІалара йисина Іаш йолу зуда а

 

8Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: 9«ЦІадан-гІалин уллохь йолчу Сарпат-гІала дІа а гІой, цигахь саца. Йисина Іаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тІе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса». 10Эли-ЯхІу Сарпат-гІала вахара. Иза гІалин кевне кхаьчначу хенахь, цунна йисина Іаш йолу цхьа зуда гира. Иза чІийш гулдеш яра. Эли-ЯхІус цуьнга элира: «КІудал чохь жимма мала хи лохьа суна». 11И зуда хи дан яхача, Эли-ЯхІус, цунна тІаьхьа мохь а тоьхна, элира: «Баьпкан юьхк а яхьа суна!»
12Оцу зудчо элира: «Дийна волчу хьан Везачу Делах чІагІо йо ас, сан кийча яа хІума цахилар. Сан долуш дерг текха чохь цхьа кана дама а, кхаби чохь кІеззиг даьтта а ду. Со хІинца жимма чІийш гулдеш йоллура, уьш цІа а даьхьна, сайна а, сайн кІантана а юург ярхьама. И йолуш ерг йиъна дІаяьлча, тхойшиъ лийр ду-кх».
13Эли-ЯхІус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дІа а гІой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тІаьхьа хьайна а, хьайн кІантана а яа хІума кечъе. 14ХІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догІа даийтталц“».
15Цо, дІа а яхана, Эли-ЯхІус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхІуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кІантана а яа хІума тоьура. 16Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхІугахула аьлла ма-хиллара.
17Цул тІаьхьа оцу йисина Іачу зудчун кІант цомгуш хилира. И цамгар чІогІа хиларна, кІентан садаІар а сецнера. 18Оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хІун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кІант вен веана ву те?»
19Эли-ЯхІус цуьнга элира: «Схьалол соьга хьайн кІант». Цуьнан карара кІант, схьа а эцна, оцу цІийнан лакхарчу гІат тІехь долчу шен цІа чу а вигна, ша дІавуьжучу маьнги тІе виллира Эли-ЯхІус. 20Цо Везачу Эле доІа дира: «Сан Веза Дела! Со шен хІусамехь волчу йисина Іаш йолчу хІокху зудчунна а дийр ду те Ахьа зулам, цуьнан кІант а валийтина?» 21ТІаккха Эли-ЯхІус кхузза шен дегІ цу кІантана тІедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кІентан дегІа чу дахаран са!» 22Везачу Элана дІахезира Эли-ЯхІун доІа. Оцу кІентан дахаран са юхадеара, иза денвелира.
23Эли-ЯхІус и кІант, схьа а эцна, лакха тІера охьавалийра. Цо, иза нене дІа а велла, элира: «Хьажал, хьан кІант дийна ву!»
24ТІаккха оцу зудчо Эли-ЯхІуга элира: «ХІинца хаьа суна хьо Делан стаг хилар а, Везачу Эло хьоьгахула бакъдерг олуш хилар а».

 

18

 

Эли-ЯхІу-пайхамар а, БаІалан пайхамарш а

 

1Лаьтта догІа ца догІу кхоалгІа шо долуш, Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «Хьо, ваха а гІой, Ахьаб-паччахьна гучувала, тІаккха Аса догІа доуьйтур ду лаьтта тІе». 2Эли-ЯхІу Ахьаб-паччахьна тІевахара.
Ткъа Шамран-гІалахь чІогІа мацалла хІоьттинера. 3Ахьаб-паччахьо шен паччахьан цІенна тІехь хьаькам волу Іабди-ЯхІу шена тІекхайкхинера. (И Іабди-ЯхІу Везачу Эле чІогІа ларамах вуьзна волу стаг вара. 4Изабала Везачу Элан пайхамараш хІаллакбечу хенахь, Іабди-ЯхІус цхьа бІе пайхамар схьагулвира. ТІаккха, уьш, шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Цу чохь Іабди-ЯхІус юург а, мала хи а латтадора царна.) 5Ахьаб-паччахьо Іабди-ЯхІуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбІарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». 6Цу шиммо шаьш хи лохуш чекхдовла деза меттигаш билгалъехира. Цхьаъ цхьана агІор вахара, ткъа важа вукху агІор вахара.
7Іабди-ЯхІу новкъахула дІавоьдуш, цунна Эли-ЯхІу дуьхьалкхийтира. Іабди-ЯхІуна вевзира пайхамар. Иза лаьтта кхаччалц пайхамарна хьалха охьатаьІира. Іабди-ЯхІус пайхамаре элира: «Хьо вуй те иза, сан олахо волу Эли-ЯхІу?»
8Эли-ЯхІус жоп делира: «ХІаъ, со ву иза. Ахьа, хьайн олахо волчу паччахьна тІе а гІой, цуьнга дІаала: „Эли-ЯхІу-пайхамар кхузахь ву“».
9Іабди-ЯхІус цуьнга хаьттира: «Аса хІун вон болх бина хиллера те хьуна? Нагахь аса хьо схьавеана ву алахь, цо со вуьйр ма ву. Паччахьо со вен хІунда лаьа хьуна? 10Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чІагІо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а. 11Ткъа ахьа хІинца соьга боху: „Вало, хьайн олахочуьнга дІаала: ‘Эли-ЯхІу кхузахь ву’“. 12Хьо волчуьра и ала со дІаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дІавига ма тарло. ТІаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара. 13Сан эла, хьоьга ца дийцина, Изабала Везачу Элан пайхамарш бойучу хенахь, аса динчух лаьцна? Аса Везачу Элан бІе пайхамар дІахьулвира. Аса уьш, цхьатерра шина декъе а бекъна, шина хьехана чохь къайлабехира. Царна даа бепиг а, мала хи а латтадора аса. 14Ткъа ахьа боху: „Вало, хьайн олахочуьнга Эли-ЯхІу кхузахь ву ала. ТІаккха цо со вуьйр ма ву“».
15Эли-ЯхІус жоп делира: «Шена гІуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чІагІо йо ас, со тахана, цунна тІе а вахана, дІахІуттург хиларх».
16Іабди-ЯхІус, Ахьабана тІе а вахана, и дерриг а дІадийцира. Ткъа Ахьаб-паччахь Эли-ЯхІуна тІевахара. 17Ахьаба, шена Эли-ЯхІу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?»
18Эли-ЯхІус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цІа а ду. Везачу Элан весеташ дІа а теттина, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттина шу. 19ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха».
20Ахьаб-паччахьо массо исраилхой а, и харцделанийн пайхамарш а схьагулбайтира Кармал-лам тІе. 21Эли-ЯхІу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагІа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тІаьхьахІитта. Ткъа Иза БаІал велахь, цунна тІаьхьахІитта».
Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга.
22Эли-ЯхІу-пайхамаро халкъе элира: «Везачу Элан пайхамарех со цхьаъ висна, ткъа БаІалан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар ву. 23Тхуна ши старгІа схьаялае. Цу шиннах шайна луъург цхьаъ аша дІаэца. Оцу старгІина урс а хьакхий, дакъош а дей, дечигна тІедахка, амма цунна буха цІе ма латае. Ткъа аса, важа старгІа кеч а йина, дечигна тІеюьллур ю, цунна буха а цІе латор яц. 24ТІаккха шу шайн Деле кхайкха. Ткъа со Везачу Эле кхойкхур ву. ЦІе латаярца доІанна жоп Делларг билггал волу Дела хир ву».
Дерриг а халкъо, жоп а луш, элира: «Ахь бохург дика ду!»
25БаІалан пайхамаршка Эли-ЯхІус элира: «Оцу шина старгІанах цхьаъ аша хьалха схьакъастае, тІаккха сагІа даккха кечам бе, хІунда аьлча шу алсам ду. Цул тІаьхьа аша шайн Деле доІа де, амма бежанна буха цІе ма латае».
26Шаьш схьакъастийна старгІа кеч а йина, уьш, Іуьйранна дуьйна делкъахан тІекхаччалц, БаІал-деле кхойкхура. Цара бохура: «Ва БаІал, дІахазахьа тхо!» Амма дуьхьал олуш цхьа а аз а дацара, жоп а дацара хезаш. Шаьш кечйинчу сагІа доккхучу меттигна хьалха ирхкхийсалора уьш.
27Делкъахан тІееача, Эли-ЯхІу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧІогІа мохь тоха аша, хІунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гІуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогІуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» 28ТІаккха цара чІогІа маьхьарий хьоькхура. Цара шайн догІмашна тІе арсаш а, гоьмукъаш а хьокхура, шайна тІехула цІийш охьадоладаллалц. 29Делкъахан дІа а яьлла, суьйренан сагІа доккху хан тІекхаьчча а, уьш кхидІа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хІума дацара хезаш.
30ТІаккха Эли-ЯхІус дерриг а халкъе элира: «Суна тІехила». Дерриг халкъ цунна тІехилира. Везачу Элана сагІа доккхуш хилла йолу меттиг йохийначуьра меттахІотто волавелира Эли-ЯхІу. 31Цо шийтта тІулг схьаийцира. Уьш дара Везачу Эло шега: «Исраил хир ю хьан цІе» – аьлла волчу Якъубан шийтта кІантах девллачу тайпанийн барамехь. 32Оцу тІулгех Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг йира Эли-ЯхІус. Ткъа оцу меттигна гонах саьнгар яьккхира, шена чу ши сахь хІу тарлуш йолу. 33Эли-ЯхІус сагІа доккхучу меттиге дечиг диллира. Ткъа урс хьаькхначу старгІанах дакъош а дина, уьш цу дечигна тІедехкира. 34ТІаккха цо элира: «Йиъ кхаба хих а юьзна, и хи сагІина ягош йолчу старгІина а, дечигна а тІедотта». Цара Эли-ЯхІус боххург дира. ТІаккха юха а элира цо: «Цу тайппана кхин а цкъа де». Цара иза юха а кхочушдира. Эли-ЯхІус кхин а элира: «Изза кхозлагІа а де». КхозлагІа а изза дира цара. 35СагІа доккхучу меттигна гонах хи охьадоладелира, саьнгар хих юьзира.
36Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! 37Жоп лохьа суна, ва Веза Эла, дІахазахьа со, Веза Эла волу Хьо Дела хилар а, Ахь церан дегнаш Хьайна тІедерзош хилар а хІокху нахана хаийтархьама».
38ТІаккха Везачу Эло цІе охьахьажийра. Оцу цІеро сагІина еана хІума а, дечиг а, тІулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. 39И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!»
40ТІаккха Эли-ЯхІус цаьрга элира: «Схьалаца БаІалан пайхамарш! Царах цхьа а дІа ма вахийта!» Уьш схьалийцира. Эли-ЯхІус уьш, Къишун-хи тІе а бигна, цигахь байира.

 

Йокъанан чаккхе

 

41Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «ДІа а гІой, яа а яа, мала а мала. ДогІун долчу чІогІачу догІанан гІовгІа ю суна хезаш». 42Ахьаб-паччахь яий, малий дІавахара. Ткъа Эли-ЯхІу Кармал-ломан бохьа тІе велира. Цигахь цо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, шен корта голашна юккъе нисбира. 43ТІаккха шен ялхочуьнга Эли-ЯхІус элира: «Вало, гІой, хІордехьа дІахьажа».
Ялхочо, вахана, хьажа а хьаьжна, элира: «Суна-м хІумма а ца го».
Эли-ЯхІус ворхІазза а элира цуьнга: «Юха а гІой, хьажа». 44Ша ворхІазлагІа вахана схьавеача, ялхочо элира: «Адаман кераюккъалц йолу цхьа жима марха ю хІорда тІера хьалайолуш».
Эли-ЯхІус элира: «Вало, Ахьаб-паччахь волчу а гІой, цуьнга дІаала: „Хьайн гІудалкх а йожий, цІа верза, догІано хьо сацавале. Хьо хІинцца дІа ца водахь, догІано сацор ву хьо“».
45Дукха хан ялале, мархаш а хІиттира, стигал Іарж а елира, мох а белира. ЧІогІа догІа деара. Оцу хенахь Ахьаб, шен гІудалкха тІе а хиъна, ИзраІал-гІала ваха новкъа ваьллера. 46Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу.

 

19

 

Эли-ЯхІун Хьариб-лам тІе валар

 

1Эли-ЯхІу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаІалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дІадийцира Ахьаб-паччахьо. 2Изабала Эли-ЯхІуна тІе геланча вахийтира, цуьнга дІаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь аса, кхана хІара хан тІекхачале, оцу пайхамарех хІоранна а диннарг хьуна а ца дахь». 3Кхера а велла, Эли-ЯхІу цигара дІавахара, шен са кІелхьардаккхархьама. ЯхІуд-махкахь йолчу Беар-ШабаІ-гІала а вахана, Эли-ЯхІус шен ялхо цигахь витира. 4Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац».
5ДІа а вижина, оцу кулла кІелахь наб кхийтира Эли-ЯхІуна. ТІаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гІаттий, хІума яа». 6Эли-ЯхІу дІахьаьжча, цунна шен коьртехь Іуьллучу тІулга тІехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна. 7Везачу Элан Малик шолгІа а тІедеара Эли-ЯхІуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гІаттий, хІума яа, хІунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха». 8Эли-ЯхІус, хьала а гІаьттина, хІума а йиира, хи а мелира. Шена тІедеанчу гІоранца Эли-ЯхІус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цІе йолчу Делан ломана тІекхаччалц. 9Цигахь цхьана хьехана чу а ваьлла, цу чохь буьйса яьккхира Эли-ЯхІус.
Юха Везачу Элан дош кхечира Эли-ЯхІуга: «Эли-ЯхІу, хьо хІун деш ву кхузахь?»
10Эли-ЯхІус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гІуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дІатесна, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьхуш ву цара».
11Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гІаттий, лам тІе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дІахІотта. ТІаккха хьуна уллохула тІехвер ву Со». Оцу хенахь чІогІа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тІаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. 12Мохк бегийначул тІаьхьа, цІе елира, амма цу цІерца а Веза Эла вацара. ЦІе чекхъяьллачул тІаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара.
13Иза хезча, Эли-ЯхІус тІехула юхучу шен бедарца юьхь дІахьулйира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цу чу воллучохь хІоьттина лаьтташ вара Эли-ЯхІу. Цхьана озо цуьнга хаьттира: «Хьо хІун деш ву кхузахь, Эли-ЯхІу?» – аьлла.
14Эли-ЯхІус жоп делира: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела, ас Хьуна леррина гІуллакх дора. Исраилан халкъо Хьоьца бина барт дІатесна, Хьан сагІа доккху кхерчаш бохийна, Хьан пайхамарш тур хьаькхна байина. Со цхьаъ бен висина вац, со а вен дагахь лоьху цара».
15Везачу Эло цуьнга элира: «Вало, юха а верзий, хьайн новкъахула Дамасакхана уллорачу яьссачу аренга дІагІо. Хьо цига дІакхаьчча, Хьазиал даьтта доттарца арамхойн паччахь хиларна къобалве. 16Ткъа Нимшайн кІант ЯхІу Исраилан халкъана тІехь паччахь хиларна даьтта тІе доттарца къобалве. Абел-Мехьал гІалара волу Шаптин кІант ЭлишаІ хьайн метта пайхамар хиларна даьтта тІе доттарца къобалве. 17Хьазиалан туьрах веддарг ЯхІус воьйтур ву. Ткъа ЯхІун туьрах кІелхьарваьлларг ЭлишаІ-пайхамаро хІаллаквийр ву. 18Исраилхошна юкъара БаІална горахІоьттина воцу а, цуьнан суьртана обанаш яьхна воцу а ворхІ эзар стаг вуьтур ву Аса».

 

ЭлишаІе дІакхайкхар

 

19Цигара дІавахача, Шаптин кІант ЭлишаІ латта охуш карийра Эли-ЯхІуна. Шийтта шуьста а боьжна, латта а охуш, ша шуьйтталгІачу шуьстана уллохь вогІуш вара иза. Ша ЭлишаІана юххехула чекхволуш, Эли-ЯхІус шен тІехулара бедар цунна тІе кхоьссира. 20Шен стерчий а дитина, ЭлишаІа, ведда Эли-ЯхІуна тІе а веана, элира: «Сайн дега а, нене а Іодика а йина, схьаваийтахьа со, тІаккха со хьоьца дІавогІур вара».
Эли-ЯхІус элира: «Дика ду, вало, юхаверза. Аса хьо сеца ма ца во!»
21Эли-ЯхІу волчуьра дІа а вахана, шина старана урс а хьаькхна, стерчийн готанах цІе латийра цо, цу тІехь стерчийн жижиг даттархьама. ТІаккха и жижиг нахана дІасадийкъира ЭлишаІа. Наха иза диира. Ткъа ЭлишаІ, Эли-ЯхІуна тІаьхьа а хІоьттина, цунна гІуллакх а деш, цуьнца вахара.

 

20

 

Арам-махкаца бина тІом

 

1Арам-махкарчу паччахьо Бен-Хьадида шен дерриг эскар схьагулдира. Цуьнца цхьаьна шайн говрашца а, гІудалкхашца а ткъе шийтта паччахь а волуш, Бен-Хьадид-паччахь, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го а бина, гІалина тІелетира. 2Цо исраилхойн паччахь волчу Ахьабана тІе, гІала, шен геланчаш хаам бан бахийтира: 3«Бен-Хьадида иштта боху: „Хьан дети, деши – сан ду, хьан зударий, хьан тоьлла болу кІентий – сан бу“».
4Исраилхойн паччахьо цунна жоп делира: «Ахьа ма-бохху хуьлийла иза, сан олахо волу паччахь. Со а, сан мел дерг а – хьан ду».
5Юха а баьхкира геланчаш. Цара элира: «Бен-Хьадида иштта боху: „Аса хьо волчу геланчаш хьажийра, хьоьга дІаала аьлла: ‘Хьайн дети а, деши а, хьайн зударий а, кІентий а суна схьало’. 6Делахь а, аса кхана, хІоккху хенахь, сайн ялхой хьажор бу хьуна тІе. Цара хьан цІахь а, хьуна гІуллакх деш болчеран цІахь а, хІун ю а хьаьжна, хьуна еза мел хетарг схьа а эцна, суна схьаяхьар ю“».
7Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кІентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».
8ТІаккха массо а къаноша, массо а халкъо цуьнга элира: «Цо бохучуьнга ла а ма догІа, къар а ма ло».
9Ахьаб-паччахьо Бен-Хьадидан геланчашка элира: «Аша сан олахо волчу паччахье иштта дІаала: „Ахьа де аьлла дуьххьара суна тІедиллинарг хьан лай волу со кхочушдан кийча ву, ткъа ахьа хІинца бохург дан сан йиш яц“».
Геланчаша, дІа а бахана, шайга аьлларг дІахаийтира. 10Бен-Хьадида юха а шен геланчаш бахийтира Ахьаб-паччахьна тІе. Цара дІаэлира цо бохург: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь санна, Шамран-гІала дІа а яьккхина, цунах йинчу ченах сан эскархошна цхьацца кан кхачийтахь».
11Исраилхойн паччахьо, цунна жоп а луш, элира: «Аша хІара ала: „ГІагІ дІадостуш волчо деш доллу дозалла ма дойла гІагІ дІадоьхкуш волчо“».
12Четарш чохь кхечу паччахьашца цхьаьна чагІар молуш Іаш волчу Бен-Хьадида, и дешнаш шена дІахезча, шен эскархошка омра дира, оцу гІалина тІелата кечам бе аьлла. Цара Шамран-гІалина тІелата кечам бира.
13Цхьа пайхамар веара исраилхойн паччахьна тІе. Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „И доккха эскар гой хьуна? Аса иза тахана хьан кара дІалур ду, Веза Эла Со вуйла хьуна дІахаийтархьама“».
14Ахьаб-паччахьо хаьттира: «Хьаьнгахула?»
Пайхамаро жоп делира: «Иштта боху Везачу Эло: „Мехкадайн эскархошкахула“».
ТІаккха Ахьаба хаьттира: «ТІом хьан дІаболор бу?»
«Ахь болор бу», – элира цуьнга.
15Ахьаб-паччахьо мехкадайн эскархой схьакхайкхира, ткъа уьш ши бІе ткъе шийтта хилира. Цул тІаьхьа дерриг а эскар шена тІекхайкхира цо, ткъа исраилхойн эскархо ворхІ эзар вара.
16Делкъахенахь уьш тІамца арабевлира. Ткъа четарш чохь сакъоьруш Іаш волу Бен-Хьадид шена гІо деш волчу ткъе шийтта паччахьца цхьаьна, мала а мелла, вехнера. 17Уггаре а хьалха арамхошна тІегІоьртира мехкадайн эскархой. Паччахьан наха Шамран-гІалара халкъ арадаьлла хилар дІахаийтира Бен-Хьадиде. 18ТІаккха Бен-Хьадида омра дира: «И нах дийна боллуш схьалеца – маьршачу ойланца я тІамца уьш арабевлла белахь а», – аьлла.
19Хьалха Шамран-гІалара мехкадайн эскархой арабевллера, ткъа царна тІаьххье эскар а араделира. 20Царах хІораммо а шена дуьхьалваьлла мостагІа хІаллаквора. ТІаккха арамхой дІабевдира, ткъа исраилхой царна тІаьхьабевлира. Арам-мехкан паччахь волу Бен-Хьадид шен берешца цхьаьна дин тІехь кІелхьарвелира. 21Иштта тІегІоьртира исраилхойн паччахь. Цо, говраш а, гІудалкхаш а хІаллак а еш, боккха толам баьккхира арамхошна тІехь.
22Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, пайхамаро цуьнга элира: «ДІа а гІой, чІагІо а е, хІинца чул тІаьхьа айхьа дан дезачун ойла а е, хІунда аьлча Арам-мехкан паччахь юха а дуьхьалвер ву хьуна».

 

Арамхойн шолгІа тІелатар

 

23Бен-Хьадиде цуьнан ялхоша элира: «Исраилхойн деланаш лаьмнашца йолчу меттиган деланаш бу, цундела баьккхина цара и толам. Нагахь тІом шерачу меттехь бахь, вай тоьлур ду. 24Ахьа хІара дан деза: массо а паччахьаш шайн меттигашкара дІа а бахий, церан метта мехкадай хІиттабе. 25ХІаллакьхиллачу барамехь хьайн эскар юхаметтахІоттаде. Иштта меттахІиттае шайн хьалха хиллачу барамехь говраш а, гІудалкхаш а. ТІаккха вай шерачу арахь тІом бийр бу цаьрца, билггал толам а боккхур бу царна тІехь».
Бен-Хьадида, цара бохучуьнга ла а доьгІна, церан хьехам кхочушбира. 26ТІедеанчу шеран бІаьсте тІееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гІала бигира, цигахь исраилхошца тІом бархьама. 27Исраилхойн эскар, схьа а гулдина, цунна сурсаташ дІаделира, иза арамхошна дуьхьал дахара. Исраилхоша царна дуьххьал шайн меттамотт дІахІоттийра. Уьш гезарийн жима ши жа санна хетара. Ткъа арамхоша шайх латта дуьзира.
28Делан стага, Исраилхойн паччахьна тІе а вахана, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Веза Эла волу Со – лаьмнийн Дела ву, ткъа шерачу меттигийн Дела вац арамхоша бахарна, Аса церан эскаран и йоккха арданг хьан кара дІалур ю. ТІаккха хуур ду шуна Со – Веза Эла вуйла“».
29Меттамотт а хІоттийна, ворхІ дийнахь вовшашна дуьхь-дуьхьал Іийра уьш. ВорхІалгІачу дийнахь тІом дІаболабелира. Исраилхоша арамхойн цхьа бІе эзар гІашло эшийра цхьана дийнахь. 30Арамхойн гІашлойх бисинарш Апакх-гІала йолчу дІабевдира. Цигахь тІамах кІелхьарваьллачу ткъе ворхІ эзар стагана гІалин пен тІекхийтира.
Бен-Хьадид а гІала дІаведдера. Иза цІийнан чухула йолчу цхьана чоьнна чохь лечкъаш вара. 31Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цІийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догІмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тІедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?» 32ТІаккха ялхой, сингаттаман духаршца шайн догІмаш хьул а дина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тІебаьхкира. Цара элира: «Хьан лай волчу Бен-Хьадида ша дийна витар доьху хьоьга».
Ткъа Ахьаб-паччахьо элира: «Иза дийна ву ткъа? И сан ваша ма ву».
33Паччахьо аьлларг дикачу билгалонна ду аьлла хийтира оцу нахана. Цара сихха тидаме ийцира Ахьаб-паччахьо аьлларг. «ХІаъ, Бен-Хьадид хьан ваша ма ву», – элира цара.
ТІаккха паччахьо цаьрга элира: «Дуьйло, дІа а гІой, схьавалаве иза». Бен-Хьадид цунна дуьхьал схьавеара. Ахьаба иза шен гІудалкхана тІе шеца охьахаийра. 34Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гІаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гІалахь базар ма-хиллара».
Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дІаязбинчул тІаьхьа аса дІахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дІахийцира Ахьаба.

 

Пайхамаро Ахьаб-паччахь бехкевар

 

35Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. 36ТІаккха оцу пайхамаро элира: «Ахьа Везачу Эло бохучуьнга ла ца догІарна, хьо, со волчуьра дІавоьдуш, лоьмо цоьстур ву». И стаг дІавоьдуш, цунна дуьхьал кхеттачу лоьмо иза цистира.
37Цул тІаьхьа оцу пайхамарна кхин а цхьа стаг дуьхьалкхийтира. Цо: «Тохахьа суна» элира цу стаге. ТІаккха вукхо чевнаш хиллал йиттира цунна. 38Пайхамар, шен бІаьргаш дІахьулбархьама дуьхьал хІума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. 39Паччахь шена уллохула чекхволуш, пайхамаро цуьнга, мохь тоьхна, элира: «Хьан лай волу со тІаме ваханера. ТІаккха цхьана стага, юьстах а ваьлла, суна тІе стаг валийра. Цо элира: „ХІара стаг ларвелахь. Иза дийна ца висахь, хьан са цуьнан синан метта дІаоьцур ду. Я ахьа цхьа гали дети дала дезар ду йолана“. 40Хьан лай волчу аса цхьацца гІуллакхаш дечу хенахь, и стаг дІаведира».
«Иштта кхел хир ю-кх хьуна а, ахьа-айхьа тІелаьцна хІума иза долу дела», – элира цуьнга исраилхойн паччахьо.
41Пайхамаро цу сохьта шен бІаьргашна дуьхьал тІеяийтина хІума дІаяьккхира. ТІаккха хиира паччахьна иза пайхамарех вуйла. 42Пайхамаро элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІаллакьхила веза аьлла волу стаг ахьа дІахецна, цундела хьан са цуьнан синан метта а хир ду, ткъа хьан халкъ цуьнан халкъан метта а хир ду“».
43ТІаккха исраилхойн паччахь, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа вирзира. Иза Шамран-гІала схьакхечира.

 

21

 

Набутин кемсийн беш

 

1И дерриг а хиллачул тІаьхьа хІара хилира. ИзраІалхочун Набутин ИзраІал-гІалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гІаларчу Ахьаб-паччахьан цІенна уллохь яра. 2Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хІунда аьлча и беш паччахьан сан цІенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гІоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богІуш болу мах лур бу аса хьуна».
3Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тІаьхьалонах дерг хьуна дІадаларх!»
4ИзраІалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тІаьхьалонах дерг аларна, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дІа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хІума а ца йоура. 5Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хІунда ца йоу ахьа?»
6Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраІалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, – аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира».
7ТІаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гІаттий, хьайн яа хІума а яа, синна паргІат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израІалхочун Набутин кемсийн беш».
8Изабала Ахьабан цІарах кехаташ яздира. ТІаккха цуьнан мухІарца уьш чІагІ а дина, Набути вехачу гІалахь болчу къаношка а, цІеяхана болчу нахе а дІахаийтира. 9Кехаташ тІехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути. 10Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе».
11Набути вехачу гІалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тІе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тІехь яздина ма-хиллара кхочушдира. 12Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. 13ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. 14ТІаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла.
15ТІе тІулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гІаттий, хьайна йохка ца лиъначу израІалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хІунда аьлча Набути велла». 16Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагІаьттира, израІалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама.
17ТІаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхІуга: 18«Хьала а гІаттий, Шамран-гІаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хІинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига. 19Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“».
20Ахьаба Эли-ЯхІуга элира: «Сан мостагІа, карий-кха хьуна со!»
Эли-ЯхІус элира: «Карий! ХІунда аьлча ахьа Далла хьалха Цуьнан лаамехь доцу хІума деш ду. 21Иштта боху Везачу Эло: „ХІинца Аса хала баланаш тІебохкуьйтур бу хьуна, хьан тІаьхьенах волу массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллак а вийр ву. 22Ахьа, Исраилан халкъе къинош а летадайтина, Со дарварна, Аса хьан цІенна а дийр ду НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна а, АхьъяхІун кІентан БаІшин цІенна а диннарг“. 23Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖІаьлеша юур ю Изабал ИзраІал-гІалин пенна уллохь. 24Ахьабан цІийнах верг гІалахь велча, иза а жІаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зІакарш еттар ю“».
25(Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара. 26Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дІабаьхна болчу эмархоша, цІушна Іамал а еш, лелийна хилла доллу гІуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.)
27Оцу массо а дешнашка ла а доьгІна, Ахьаба шена тІера бедарш этІийра. Цо шена тІе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дІа а вуьжуш, чІогІа сингаттаме вара.
28ТІаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхІуга: 29«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш».

 

Мика-ЯхІу-пайхамар а, Ахьаб-паччахь а

 

(2 Шерашкахь 18:2-27)

 

22

 

1Кхаа шарахь Араман халкъана а, Исраилан халкъана а юкъахь тІом бацара. 2КхоалгІачу шарахь яхІудхойн паччахь ЯхІушапти исраилхойн паччахьна тІевахара.
3Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Іаш ду». 4Ахьаба ЯхІушаптига элира: «Хьо вогІур варий соьца ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата?»
ЯхІушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогІур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду». 5ЯхІушаптис кхидІа исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хІун боху хаттийтахьа».
6Исраилхойн паччахьо, виъ бІе хиллал пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалІадерачу Рамат-гІала тІамца ваха везий те со, я ваха ца веза те?»
Цара жоп делира: «Ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».
7ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».
8Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву».
«Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис.
9ТІаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кІант Мика-ЯхІу схьавалош вола».
10Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а, шаьшшинна тІе паччахьан духарш а дуьйхина, хІорра а шен паччахьан гІанта тІе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гІалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дІахІиттина. 11КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». 12Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».
13Мика-ЯхІуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хІораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».
14Мика-ЯхІус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, сайга Везачу Эло боххург айса дІаэриг хилар».
15Пайхамар паччахьна тІевеара. Паччахьо Мика-ЯхІу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхІу! Ваха везий те со тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала я ца веза?»
Мика-ЯхІу-пайхамаро паччахье элира: «ДІагІо хьо. Кхиам хир бу хьан. Везачу Эло хьан кара схьалур ю хьуна иза».
16ТІаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чІагІо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хІумма а ма алахьара аьлла?»
17ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, массо а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“».
18Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»
19ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. 20Везачу Эло элира: „Шух хьан тІеерзор яра Ахьабан ойла, иза тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала а вахана, цигахь хІаллакьхилийтархьама?“ Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура. 21ТІаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 22Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гІой, иштта де ахьа“.
23Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тІе бохам баийта сацам ма бира!»
24ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?»
25Мика-ЯхІус элира: «Хьажал, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».
26Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхІу-пайхамар схьа а лаций, гІалин хьаькамна Аминна тІе а, паччахьан кІантана Юашина тІе а вига. 27Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“».
28Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Дерриг а халкъо ладогІа аса аьллачуьнга!»

 

Ахьаб-паччахьан валар

 

(2 Шерашкахь 18:28-34)

 

29Исраилхойн паччахь а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелетира. 30Ахьаб-паччахьо ЯхІушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тІера духар а хийцина, тІом дІаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тІедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тІе хийцина хІума а юьйхина, тІом дІаболийра исраилхойн паччахьо.
31Арамхойн паччахьо шен ткъе шийтта тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 32ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхой цунна тІебуьйлабелира, тІелата дагахь. ЯхІушаптис мохь хьаькхча, 33иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гІудалкхийн хьаькамаш цунна тІаьхьабевллачуьра севцира. 34Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина».
35Амма цу дийнахь тІом чІагІбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гІудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цІий гІудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. 36Малх дІабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дІахьедар дІасадаьржира: «ХІора а шен-шен гІала, шен-шен махка дІагІо!» – аьлла.
37Иштта велира Ахьаб-паччахь. Цуьнан дакъа Шамран-гІала деара, цигахь иза дІавоьллира. 38Паччахьан гІудалкх Шамранан Іома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цІийна тІе жІаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара.
39Ахьаб-паччахьан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо дІахІоттийначу пийлан кІомсарех долчу цІийнах а, цо яйтинчу массо а гІаланех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 40Иштта, Ахьаб-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз-ЯхІу.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІушапти

 

(2 Шерашкахь 20:31–21:1)

 

41Асин кІант ЯхІушапти яхІудхойн паччахь дІахІоьттира, исраилхойн паччахьо Ахьаба паччахьалла до доьалгІа шо долуш. 42ЯхІушапти паччахь дІахІуттуш, цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Іазубат яра. Иза Шилхьайн йоІ яра. 43Массо а гІуллакхашкахь ЯхІушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тІера дІа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. 44ЯхІушаптис исраилхойн паччахьца машар латтийтира.
45ЯхІушаптин кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо бинчу тІамах а лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 46Шен дас Асас паччахьалла дечу хенахь дуьйна бисина болу, цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий а, хІаллакбина, дІабехира цо махкара.
47Оцу хенахь Эдом-махкахь паччахь вацара. Цигахь олалла деш яхІудхойн паччахьан мехкада вара.
48ЯхІушаптис хІордкеманаш дайтира, Апар-махкара деши схьадархьама. Амма уьш цига дІа ца кхечира. Новкъахь Іецйон-ГІебаре дІакхочуш хІордкеманаш, доха а доьхна, хІаллакьхилира. 49ТІаккха Ахьабан кІанта Ахьаз-ЯхІус ЯхІушаптига элира: «Сан ялхой хьан ялхошца цхьаьна бахийта вай хІордкеманаш тІехь?» Амма ЯхІушапти реза ца хилира иза дан.
50ЯхІушапти, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гІалахь, дІавоьллира. ЯхІушаптин метта паччахь хилира цуьнан кІант ЯхІурам.

 

Исраилхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу

 

51ЯхІудхойн паччахьо ЯхІушаптис олалла до вуьрхІитталгІа шо долуш, Ахьабан кІант Ахьаз-ЯхІу исраилхойн паччахь хилира. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Ахьаз-ЯхІус исраилхошна тІехь шина шарахь олалла дира. 52Шен ден а, ненан а новкъахула а лелаш, иштта Исраилан халкъе къинош летадайтина волчу НабатІан кІентан ЯрбаІаман новкъахула а лелаш, цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лелийра. 53Шен дас лелийна доллу гІуллакхаш а лелош, БаІална Іибадат а деш, цунна гІуллакх дарна, Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвахийтира Ахьаз-ЯхІус.

 

 

 

ТІаьххьарнаш

Паччахьаллех лаьцна доьалгІа тептар:

 

тІаьххьара паччахьаш

 

Дешхьалхе

 

Паччахьаллийн гІуллакхийн доьалгІачу тептар тІехь кхидІа а дуьйцуш ду Исраилан шина пачхьалкхах лаьцна – Паччахьаллийн гІуллакхийн кхоалгІачу тептар тІехь долийнарг. ХІара тептар шина декъе декъа тарло: 1) шина пачхьалкхах лаьцна долу гІуллакхаш, Іийса дуьнен тІе валале уьссалгІачу бІешеран юккъера дуьйна, 722-чу шарахь хиллачу Шамран-гІала эшорна а, къилбаседера пачхьалкх йохорна а тІекхаччалц (1-17 кортош); 2) ЯхІудан пачхьалкхах лаьцна долу гІуллакхаш, Исраилан пачхьалкх йоьхча дуьйна, 586-чу шарахь хиллачу Бавеларчу Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалайм-гІала схьаяккхарна а, иза йохорна а тІекхаччалц (18-25 кортош). Бавелхойн куьйга кІел хиллачу ЯхІуд-мехкан мехкадех Гадал-ЯхІух лаьцна дийцар а, Бавел-махкахь хиллачу набахти чуьра яхІудхойн паччахь хилла волу ЯхІу-Яхин арахецарх лаьцна дийцар а тептаран чаккхенехь ду.
И бохамаш хуьлура, исраилхой а, яхІудхой а, церан паччахьаш а Далла тешаме цахилар бахьана долуш. Ярушалайм-гІала йохор а, халкъ йийсаре дІадигар а Исраилан халкъана хиллачу хІуманашна юкъахь тидам къаьсттина чІогІа тІебохуьйтуш дерш ду.
Оцу тептар тІехь уггар лараме пайхамар хилла волу Эли-ЯхІу дуьнен чуьра дІаваьллачул тІаьхьа пайхамаралла лелош хилларг ЭлишаІ ву.

 

1

 

Эли-ЯхІу-пайхамар а, Ахьаз-ЯхІу-паччахь а

 

1Ахьаб-паччахь веллачул тІаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гІаьттира.
2Ахьаз-ЯхІу-паччахьна, Шамран-гІалахь долчу шен цІенойн лакхарчу цІийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гІой, Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубе[1] хатта: „ХІокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий». 3ТІаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхІуга элира: «Вало, хьала а гІаттий, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, исраилхошна тІехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гІой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХІунда доьлху шу Іекхран-гІаларчу цІу-деле БаІал-Забубе хаттар дан? 4Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“».
Эли-ЯхІу-пайхамар и дІаала вахара. 5Бахийтинарш Ахьаз-ЯхІуна тІе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хІунда дирзи?»
6Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тІе юхадерза. Аша цуьнга дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хІунда бохуьйту Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубина тІе хаттарца? Цундела хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“».
7Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТІехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»
8Цара жоп делира: «Цу стеган дегІа тІехь дукха чоьш[2] а дара, гІодаюкъах дихкина тІаьрсиган доьхка а дара».
Ахьаз-ЯхІус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхІу ву».
9Шовзткъе итт тІемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхІуна тІе. Иза Эли-ЯхІуна тІевахара. Ткъа Эли-ЯхІу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхІуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».
10Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира.
11ТІаккха паччахьо кхин а цхьа тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а вахийтира Эли-ЯхІуна тІе. Оцу тІемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»
12Эли-ЯхІус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира.
13ТІаккха кхозлагІа а вахийтира паччахьо тІемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тІемалочуьнца. Цо, лома тІе хьала а ваьлла, Эли-ЯхІуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тІемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа! 14Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цІеро сол хьалха схьавеана волу тІемалойн ши хьаькам, хІорра а, шен шовзткъе итт тІемалочуьнца цхьаьна дІакхаьллина. Амма сох хІинца къинхетам бахьара ахь!»
15Везачу Элан Малико Эли-ЯхІуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІагІо цуьнца». ТІаккха Эли-ЯхІу, хьала а гІаьттина, тІемалойн хьаькамца паччахьна тІевахара. 16Эли-ЯхІус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Іекхран-гІаларчу цІу-далла БаІал-Забубина тІе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Іуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву хьо“».
17Эли-ЯхІу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхІу велира. ТІаккха Ахьаз-ЯхІун метта паччахь хІоьттира цуьнан ваша Йорам[3], хІунда аьлча Ахьаз-ЯхІун шен кІант вацара. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІурама олалла динчу шолгІачу шарахь.
18Ахьаз-ЯхІу-паччахьо динчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

 

2

 

Дала Эли-ЯхІу-пайхамар стигала хьалаваккхар

 

1Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тІекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхІу Галгал-гІаларчу ЭлишаІца новкъахула вогІуш вара. 2Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна».
Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара
3Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?»
ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца».
4Эли-ЯхІус юха а элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гІала хьажийна».
ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гІала дІавахара.
5Ерихон-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?»
«Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаІа.
6Эли-ЯхІус юха а дийхира ЭлишаІе: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна».
ЭлишаІа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ дІаволавелира. 7Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тІаьхьа а ваьлла, геннахь дІахІоьттира. Ткъа Эли-ЯхІу а, ЭлишаІ а, Йордан-хина тІе а кхаьчна, цигахь дІахІоьттира. 8ТІаккха, шен тІехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхІус. Хи дІасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира. 9Уьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга».
ЭлишаІа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна».
10Эли-ЯхІус жоп делира: «Ахьа доьхург хала хІума ду. Нагахь санна хьан бІаьргашна со стигала хьалавоккхуш гахь, ахьа доьхург хир ду хьуна, ткъа ца гахь – хир дац».
11Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогІучу хенахь, цІеххьана схьаеанчу цІеран гІудалкхо а, цІеран говраша а дІасакъастийра уьш. ТІаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу стигала хьалавахара. 12ЭлишаІа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тІеман гІап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» – аьлла. ЭлишаІана кхин ца гира Эли-ЯхІу.
Цо, катоьхна, шена тІера бедарш, этІа а йина, шина декъе йийкъира. 13ТІаккха, Эли-ЯхІуна тІера охьайоьжна йисина йолу тІехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаІ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира. 14И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаІа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХІаъ, мичахь ву Эли-ЯхІун и Дела?» ЭлишаІа Эли-ЯхІун бедар хи чу тоьхча, хи дІаса а декъаделла, ЭлишаІ дехьавелира. 15Ерихон-гІаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогІу ЭлишаІ. Цара элира: «Эли-ЯхІун са ЭлишаІана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьІира. 16Цара ЭлишаІе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тІехь я тогІи чохь охьавиллина хир ву иза».
«Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаІа.
17Амма пайхамарша дукха дехарш дарна эхь а хетта, ЭлишаІа элира: «Бахийтийша, делахь». Шовзткъе итт стаг Эли-ЯхІу лаха вахара. Цара кхаа дийнахь лийхира иза, амма царна иза ца карийра. 18Ерихонехь сецначу ЭлишаІана тІе уьш юхабирзича, цо пайхамаршка элира: «Аса ца элира шуьга, ма гІо и лаха?»

 

ЭлишаІ-пайхамаран тамашийна гІуллакхаш

 

19Ерихон-гІаларчу бахархоша ЭлишаІ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хІара гІала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу».
20Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цІена кад ло соьга». Цуьнга кад дІабелира. 21ЭлишаІ хин коьрте тІевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІара хи цІандина. ХІинца чул тІаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“». 22ЭлишаІа аьлла ма-хиллара, и хи хІинца а цІена ду.
23Цигара дІа Бетал-гІала вахара ЭлишаІ. Иза новкъахула вогІучу хенахь, гІалара арабевллачу кхиазхоша, цунах бийла а буьйлуш, бохура: «ДІавала, кІунзал баьлларг! ДІавала!»
24ЭлишаІ юхахьаьжча, и бераш гира цунна. Цо Везачу Элан цІарах неІалт хьажийра царна. ТІаккха хьуьнхара араяьллачу шина стен чено царах шовзткъе ши бер этІийра.
25Оцу меттера дІа Кармал-лома тІе вахара ЭлишаІ. Цул тІаьхьа иза Шамран-гІала юхавирзира.

 

3

 

Исраилхоша муабахошца тІом бар

 

1ЯхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптис паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Ахьабан кІант ЯхІурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тІехь. 2Йорам-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора, шен дас а, шен нанас а дина хиллачу барамехь ца динехь а. Шен дас БаІал-харцдела лоруш дІахІоттийна тІулг хІаллакбина дІабаьккхира Йорама. 3Амма НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо кхидІа а летадора, царна тІера дІа а ца воьрзуш.
4Муабахойн паччахьан МешаІан дуккха а жаш дара. ХІора шарахь а цхьа бІе эзар Іахар а, цхьа бІе эзар койн тІаргІа а бохьуьйтура МешаІ-паччахьо исраилхойн паччахьна. 5Ткъа Ахьаб велча, муабахойн паччахь исраилхойн паччахьна дуьхьалвелира. 6ТІаккха Йорам-паччахьо, Шамран-гІалара ара а ваьлла, массо а исраилхошна юкъара эскархой тІамана схьагулбира. 7Цо яхІудхойн паччахьна ЯхІушаптина тІе нах бахийтира. Цуьнга иштта дІаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогІий соьца муабахошна дуьхьал тІом бан?»
ЯхІушаптис жоп делира: «Дера вогІу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ – хьан халкъ ду. Сан дой – хьан дой ду», – аьлла. 8ЯхІушаптис хаьттира: «ТІамца муьлхачу новкъахула даха деза тхо?»
«Эдоман яьссачу аренан новкъахула», – жоп делира Йорама.
9Иштта цхьаьна новкъа бевлира исраилхойн, яхІудхойн, эдомхойн а паччахьаш. ВорхІ дийнахь хьийзаш болу некъ бича, церан эскарна а, царна тІаьхьахІиттина догІучу шайна тІехь кира[4] дахьачу дийнаташна а мала хи ца дисира. 10ТІаккха исраилхойн паччахьо иштта элира: «Хьажахьа! Везачу Эло, вай кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дІавалархьама схьавалийна-кх?»
11ЯхІушаптис хаьттира: «Везачу Элан пайхамарех цхьа а вац те кхузахь, цуьнгахула Везачу Эле хаттар дайта?»
«Цкъа мацах Эли-ЯхІу-пайхамаран ялхо хилла волу Шаптин кІант ЭлишаІ ву кхузахь», – аьлла, жоп делира исраилхойн паччахьан тІеман хьаькамех цхьаммо.
12«Цуьнгахула Везачу Элера хаам хуьлу», – элира ЯхІушаптис. ТІаккха исраилхойн паччахь а, ЯхІушапти а, эдомхойн паччахь а ЭлишаІана тІевахара.
13ЭлишаІа исраилхойн паччахье элира: «Сан хІун бала бу хьоьца? Хьайн ден а, ненан а хиллачу пайхамаршна тІе гІо».
ТІаккха исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «ХІан-хІа! ХІунда аьлча Веза Эла ма ву, тхо кхо паччахь цхьаьна а тоьхна, муабахойн кара дІавалархьама схьавалийнарг!»
14ЭлишаІ-пайхамаро элира: «Шена ас гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чІагІо йо аса, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агІор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла. 15Ткъа хІинца схьавалавел суна тІе дечиг-пондар локхуш верг».
Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаІах Везачу Элан куьг хьакхаделира. 16Цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху тогІи чохь дуккха а саьнгарш яха“. 17ХІунда аьлча Везачу Эло иштта боху: „Шуна я мох баьлла, я догІа догІуш ца гушшехь, хІара тогІи хих юзур ю. И хи шуна а, шайна тІехь кира кхоьхьучу дийнаташна а, шун хьайбанашна а мала хир ду“. 18Амма Веза Эла иза дина Іийр вац, Цо муабахой а дІалур бу шун кара. 19Аша церан массо а чІагІйина йолу гІаланаш а, массо а коьрта гІаланаш а хІаллакйийр ю. Аша дерриг а тоьлла долу дитташ а хедор ду, массо а хин хьоста а лакъор ду. Аренгара тоьлла долу лаьттан дакъош а, тІе тІулгаш а кхиссина, талхор ду».
20ШолгІачу дийнахь, Іуьйренан сагІа доккхучу хенахь, цІеххьана, Эдомера схьабогІучу новкъахула хи схьахьаьдира. Латта хих дуьзира.
21Паччахьаш шайца тІом бан арабевлла аьлла, дІахезнера массо а муабахошна. Цундела тІеман гІирс лелалуш болу массо а нах, жимачунна тІера воккхачунна тІекхаччалц, схьагулбинера цара. Мехкан дозанехь дІахІиттийнера уьш. 22Іуьйранна уьш хьалххе хьалагІевттира. Хина тІехула къеггина малх хьалабелира. Генна дІахьаьжначу муабахошна и хи, цІий санна, цІен бос болуш тарделира. 23Цара элира: «Иза цІий ду. Паччахьаша, вовшах а летта, вовшийн хІаллакбина хир бу. ХІинца, муабахой, шу хІонс схьаэца арадовла!»
24Муабахой исраилхойн меттаматтана тІебаьхкира. ХьалагІевттина исраилхой, муабахошна дуьхьал а бевлла, царна тІелетира. Муабахой исраилхойх дІабевдира. Ткъа исраилхоша, муабахойн махка чу а бевлла, уьш байира 25Исраилхоша муабахойн гІаланаш хІаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тІе, хІораммо а цхьацца тІулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дІахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гІала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гІалина го а бина, цунна а тІелетира.
26Шаьш эшош хилар гича, муабахойн паччахьо, эдомхойн паччахьна тІеваха некъ баккха дагахь, карахь тур лелош волу ворхІ бІе тІемало вигира шеца, амма уьш чекх ца бовлабелира. 27ТІаккха муабахойн паччахьо шел тІаьхьа паччахь хила везаш волу шен кІентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тІехь шен далла лерина сагІина вагийра. Оцу гІуллакхо исраилхой чІогІа эргІадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тІе юхабирзира.

 

4

 

ЭлишаІ а, йисина Іаш йолу миска зуда а

 

1Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».
2ЭлишаІа цуьнга, жоп луш, элира: «Аса хІун гІо дийр дара те хьуна? Хьан цІахь хІун ю дийцахьа соьга».
Зудчо элира: «Сан цІахь хІумма а яц-кх, зайтдаьтта чохь долу цхьа жима кхаба йоцург».
3ЭлишаІа элира: «Яло, ара а ялий, массо а хьайн лулахошкара яьсса кхабанаш а ехий, уьш дуккха а схьагулъе. 4Цул тІаьхьа, хьайн цІа чу а гІой, хьайна а, хьайн шина кІантана а тІаьхьа неІ тІечІагІа. ТІаккха хьайн зайтдаьтта оцу массо а кхабанаш чу дотта, юз-юьзнарг юьстах а йоккхуш».
5И зуда ЭлишаІ волчуьра дІаяхара. ЦІа а еана, шена а, шен шина кІантана а тІаьхьа неІ тІечІегІира цо. Шина кІанта яьсса кхабанаш нанна тІейохьура, ткъа цо уьш зайтдаьттанах хьалаюзура. 6Массо а кхабанаш хьалаюьзча, нанас шен кІанте дехар дира: «Схьакховдаехьа соьга кхин а цхьа кхаба». КІанта цуьнга жоп делира: «Кхин яьсса кхабанаш яц», – аьлла. ТІаккха даьтта догІучуьра сецира. 7И зуда Делан стаг волчу еара. Цо дерриг а дІадийцира цуьнга. ЭлишаІа цуьнга элира: «Яло, и зайтдаьтта дІа а дохкий, хьайн декхарш дІало. Ткъа дисначу ахчанах хьо хьайн берашца ехар ю».

 

ЭлишаІ а, Шунам-гІалара хьалдолу зуда а

 

8Цхьана дийнахь ЭлишаІ Шунам-гІала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаІе дехар дира, ша йолчохь хІума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хІума а юуш, соцура ЭлишаІ. 9Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цІенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла. 10Вайн нийсачу тхов тІехула, цхьа гІат тІе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дІавижа мотт а, стол а, гІант а, къуьда а билла вай? ТІаккха, иза вайга веача, цу чохь Іан йиш хир яра цуьнан».
11Цхьана дийнахь ЭлишаІ цига веара. Иза, хьала тІе а ваьлла, оцу цІа чохь садаІа охьавижира. 12ЭлишаІа шен ялхо волчу ГІайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. 13Шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гІайгІа ярна, оха хІун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хІумма а дІаала лаьий те хьуна?“».
Амма цу зудчо жоп делира: «ХІан-хІа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».
14ТІаккха ЭлишаІа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХІун дика дийр дара те оцу зудчунна?» – аьлла.
ГІайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кІант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву».
15«Схьакхайкхахьа цуьнга», – элира ЭлишаІа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неІаре дІахІоьттира. 16ЭлишаІа элира цуьнга: «Цхьа шо дІадаьлча, хІоккху хенахь, хьан карахь кІант хир ву!»
Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХІан-хІа, сан эла! Ма Іехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!»
17Амма и зуда берах хилира. ТІедеанчу шеран ЭлишаІа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кІант хилира.
18КІант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тІехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тІевахара иза. 19ЦІеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» – элира кІанта.
«Шен нанна тІе дІавигал иза», – элира дас ялхочуьнга. 20Ялхочо и кІант, дІа а вигна, шен нене дІавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Іиллина, кІант велира. 21Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тІе охьавиллира шен кІант. НеІ тІе а чІагІйина, иза цу чуьра араелира. 22ТІаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тІе а кхаьчна, юхайоьрзур яра».
23Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хІун до тахана Делан стагана тІеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!»
«Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо. 24ТІаккха, вир дІа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дІа а озош, дІаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь». 25И зуда Кармал-лома тІехь волчу Делан стагана тІеяхара.
Делан стагана геннара гира шена тІейогІу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГІайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогІург шунамхо ю-кх! 26Вало, цунна дуьхьал а гІой, хатта цуьнга: „ХІун хилла, могуш юй иза? Хьан хІусамда а, кІант а могуш вуй?“»
ГІайхьази цунна тІекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду». 27Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тІе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГІайхьази иза дІаяккха дагахь тІеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Іадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох».
28«Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кІант? Со Іеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо.
29ЭлишаІа ГІайхьазига иштта элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, сан Іаса схьа а эций, дІаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дІакхаьчча, хІара Іаса оцу кІентан юьхь тІе йилла».
30Амма кІентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо аса, хьо воцуш со дІагІург ца хиларх!» ТІаккха ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, цунна тІаьххье дІавахара. 31ГІайхьази кху шиннал хьалха дІакхечира. Цо и Іаса кІентан юьхь тІе охьайиллира, амма кІант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТІаккха ГІайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаІана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо.
32ЭлишаІ цІа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Іуьллуш велла кІант вара. 33ЭлишаІа неІ тІечІегІира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаІа Везачу Эле доІа дира. 34ТІаккха, кІантана тІе а вахана, цунна тІехула дІаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаІ. Цо шен бат кІентан бетана тІе, шен бІаьргаш цуьнан бІаьргаш тІе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тІе ехкира. КІентан дегІ дохделира. 35ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, дІа а, схьа а волавелира. Цул тІаьхьа, юха а кІантана улло а вахана, цунна тІехь дІасаваьржира ЭлишаІ. ТІаккха кІанта, ворхІазза хьоршам а тоьхна, шен бІаьргаш дІабиллира. 36ГІайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаІа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГІайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаІа: «Схьаэца хьайн кІант», – элира цуьнга. 37Зуда, ЭлишаІана тІе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьІира цунна. ТІаккха, шен кІант схьа а эцна, чуьра араелира иза.

 

ЭлишаІ-пайхамаро дина кхидолу тамашийна хІуманаш

 

38Махкахь мацалла хІоьттича, ЭлишаІ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Боккха яй тІе а биллий, яа хІума кечъе пайхамарийн тобанна». 39Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тІе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тІера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хІун стоьмаш ду ца хуъушехь. 40Пайхамарийн тобанна чорпа йоьттира. Уьш и яа буьйла-ма-белли, массара а маьхьарий хьаькхира: «Делан стаг, кху ена чохь Іожалла тІейоуьйту хІума ю!» – аьлла. Цаьрга чорпа ца яаелира. 41ЭлишаІа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТІаккха цо элира: «ХІинца чорпа дІаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хІумано.
42ЭлишаІана тІе БаІал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тІоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кІен кенаш а дара. «Уьш нахана дІа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаІа. 43Цуьнан ялхочо элира: «БІе стагана муха лур ю аса хІара?»
Амма ЭлишаІа жоп делира: «ДІало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“». 44ТІаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира.

 

5

 

НаІаман туовар

 

1Арам-мехкан[5] паччахьан тІемалойн хьаькам вара НаІаман. Иза ладаме а, ларам болуш а стаг вара шен паччахьна хьалха, хІунда аьлча арамхошка толам цуьнгахула баккхийтинера Везачу Эло. НаІаман ша дика тІемало вара, амма дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар яра цуьнан дегІаца. 2Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тІелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоІ йийсаре ялийнера. Иза НаІаманан зудчунна хьалхара гІуллакхаш деш яра. 3Оцу йоІа НаІаманан зудчуьнга элира: «Нагахь сан олахо НаІаман Шамран-гІалахь Іаш волчу пайхамарна тІекхачахьара, цо цамгарх товийр вара иза». 4НаІамана шен паччахье дІадийцира исраилхойн йоІа шега аьлларг. 5«Хьо хІинцца дІавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо.
НаІамана, дІа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тІеюха итт бедар а схьаийцира шеца. 6Цо кехат дІаделира исраилхойн паччахье. Цу кехат тІехь яздина дара: «ХІокху кехатца аса сайн ялхо волу НаІаман воуьйту, цунна тІера чкъуран цамгар хьоьга дІаяккхийтархьама».
7Исраилхойн паччахьо, кехат дІа а дешна, шена тІера бедар а этІийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тІе хІунда ваийтина цо дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХІинца хаа ду шуна, иза суна тІамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла».
8Делан стагана ЭлишаІана дІахезира, исраилхойн паччахьо шена тІера бедар этІийна аьлла. ТІаккха цо паччахьна тІе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тІера бедар стенна этІийна аьлла. «И стаг суна тІеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» – элира ЭлишаІа.
9ТІаккха НаІаман, дой а далош, шен гІудалкха тІехь схьакхечира. Иза ЭлишаІан цІийнан кевнехь сецира. 10ЭлишаІа шен ялхо вахийтира цуьнга дІаала: «Ваха а гІой, Йордан-хи чохь ворхІазза лийча, тІаккха хьан дегІ, карла а даьлла, цІанлур ду». 11НаІаман, чІогІа оьгІаз а вахана, дІавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаІа, суна дуьхьал а хІоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегІах куьг а хьаькхна, цамгар дІайоккхур ю. 12Дамасакхера Амана а, Парпар а цІе йолу хиш хІумма а оьшуш дац-кх массо а Исраил-махкарчу хил? Оцу хиш чу ваьлчхьана, цІанлур вацара со?» Иза а аьлла, оьгІаз а вахана, юха а вирзина, дІавахара НаІаман.
13Цуьнан ялхоша, тІе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хІума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугІур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хІума а дац: „Хи чохь лийча, тІаккха цІанлур ву хьо“, – алар бен». 14ТІаккха НаІаман, хин тогІи чу охьа а воьссина, ворхІазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегІ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цІанделира. 15НаІаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаІ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дІа а хІоьттина, элира: «ХІинца хиъна суна хІокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДІаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хІара совгІат».
16Пайхамара элира: «Шена айса гІуллакх дечу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса иза схьаоьцург ца хиларх».
НаІамана мел дехарш дарх а, ЭлишаІ реза ца хилира совгІат дІаэца. 17ТІаккха НаІамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбІарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хІунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагІа а, сагІина хІума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна. 18Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гІуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гІалахь цІу-далла Іибадат деш, иза суна тІетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло».
19Делан стага элира: «Маьрша гІойла хьо». НаІаман дІаволавелира.
Иза ЭлишаІан цІенна жимма дехьаваьлча, 20Делан стеган ЭлишаІан ялхочо ГІайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаІаманера цо деана совгІат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, цунна тІаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хІума схьаоьцург хиларх». 21ГІайхьази НаІаманна тІаьхьаведира. Шена тІаьхьа ведда вогІург а гина, НаІаман, гІудалкх тІера охьа а воьссина, вогІучунна дуьхьалвахара. «ХІумма-м ца хилла?» – хаьттира цо ГІайхьазига.
22«ХІумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хІара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хІинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тІеюха ши бедар а яийтахьа“».
23НаІамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТІаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тІоьрмаг чу а йиллина, иза дІабихкира НаІамана. Шен ялхойх шиъ, ГІайхьазина хьалха а ваьккхина, и тІоьрмагаш цаьрга дІабахьийтира цо. 24Уьш гунна тІебевлча, церан карара тІоьрмагаш схьаийцира ГІайхьазис. И хІуманаш цІа чохь дІалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дІавахийтира. 25ГІайхьази, чу а веана, ЭлишаІана хьалха дІахІоьттира. ЭлишаІа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГІайхьази?»
«Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГІайхьазис.
26«И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гІудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогІуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагІий, хьелий, леш я гІарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хІара! 27ХІинца дуьйна НаІаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тІаьхьенна а тІехь хир ю массо а ханна».
Оцу чкъуран цамгаро ло санна кІайвина, аравелира ГІайхьази ЭлишаІ волчуьра.

 

6

 

Йордан-хи чуьра диг схьадаккхар

 

1Пайхамарийн тобано ЭлишаІе элира: «Хьуна юххехь тхо Іаш долу хІара меттиг тхуна готто ю. 2Оха, Йордан-хи йисте а дахана, хІораммо а цигара цхьацца диттан хен схьа а эцна, тхайна Іан меттиг югІур ю цигахь».
«Мегар ду, дІагІо шу», – элира ЭлишаІа.
3Оцу тобанера цхьаммо дийхира: «Хьайна хала дацахь, хьо а волахьа тхоьца», – аьлла.
«Дика ду, вогІур ву со», – элира ЭлишаІа. 4Иза цаьрца вахара. Йордан-хина тІекхаьчча, дитташ хедо буьйлабелира уьш. 5Царах цхьаммо дитт охьадожочу хенахь, цуьнан диг хи чу дуьйжира, дага карахь а юьсуш. Цо, мохь а хьаькхна, элира: «Ва, сан эла! Иза-х аса духалург даьккхина ма дара!»
6Делан стага хаьттира: «Мичахь чудоьжна иза?»
Вукху пайхамаро гайтира и меттиг. ЭлишаІа, дечигах чеш а даьккхина, иза хи чу а кхоьссина, дагаран аьчка декъе нека дайтира. 7«ДІаэца хьайна», – элира ЭлишаІ-пайхамаро. Вукхо шен куьг дІа а кховдийна, диг схьаийцира.

 

Арамхой бІаьрзе барца эшабар

 

8Арамхойн паччахь тІамца исраилхошна дуьхьалвелира. Цо, шен тІеман хьаькамех дага а волуш, цаьрга дІахаийтира цхьана меттигехь шен меттамотт дІахІотторг хилар. 9Делан стага исраилхойн паччахьна тІе геланча вахийтира. Цо паччахье хаам бира: «Оцу меттигашкахула чекх ма валалахь, хІунда аьлча цигахь арамхоша кІело йина», – аьлла. 10Исраилхойн паччахьо тІемалой бахийтира Делан стага билгалъяьккхинчу меттиге хьовса. Цигарчу нахе цо дІахьедар а дина, шаьш мостагІех ларбира цара. Иштта, цкъа-шозза хилла а ца Іаш, дукхазза а хилира.
11Арамхойн паччахь оцу гІуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тІеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг».
12«Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаІ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цІа чохь аьлларг а дІадуьйцу», – жоп делира паччахьан тІеман хьаькамех цхьаммо.
13ТІаккха арамхойн паччахьо элира: «Даха а гІой, иза мичахь ву хьовса шу. Аса, эскархой а бахийтина, иза лоцуьйтур ву».
Пайхамар Дотан-гІалахь ву аьлла, хаам бира паччахье. 14Цо дой а, гІудалкхаш а йолу доккха эскар дахийтира цу гІала. Цара буьйсанна, схьа а баьхкина, гІалина го бира. 15Оцу Іуьйранна ЭлишаІан ялхо хьалххе хьалагІаьттира. Иза араваьлча, гІалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гІудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаІе элира: «Ва, сан эла, вай хІун дан деза те?»
16ЭлишаІа элира: «Хьо кхера ма ло! Вайца берш, цаьрца болчарал сов бу». 17ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар.
18Арамхой шена тІегІоьртича, ЭлишаІа Везачу Эле доІа дира. Цо дийхира: «БІаьрзе бехьа уьш», – аьлла. Везачу Эло, ЭлишаІа ма-деххара, бІаьрзе бира уьш. 19«ХІара аша бан беза некъ а ма бац, хІара аша лоьху гІала а ма яц. Суна тІаьхьахІитта, аша лоьхучу стагана тІедуьгур ду аса шу», – элира ЭлишаІа цаьрга. Иштта уьш Шамран-гІалина тІебигира ЭлишаІа.
20Шаьш Шамран-гІала схьакхаьчча, ЭлишаІа элира: «Веза Эла! Церан бІаьргаш схьаделлахьа, царна са гайтархьама». Везачу Эло церан бІаьргаш схьадиллира, тІаккха шаьш Шамран-гІалахь хилар гира царна.
21Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаІе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?»
22«ХІан-хІа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаІа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Іодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цІа дІахеца ахьа уьш шайн паччахьна тІе». 23Исраилхойн паччахьо царна доккха той дІахІоттийра. Цара йиъна а, мелла а чул тІаьхьа, цо уьш цІа дІахьажийра шайн паччахьна тІе. Цул тІаьхьа кхин ца яьхкира арамхойн эскарийн ардангаш исраилхойн лаьтта тІе.

 

Шамран-гІалина гуобар

 

24И дерриг хиллачул тІаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТІаккха, Шамран-гІалина тІе а вахана, цунна го бира цо. 25Цу хенахь йоккха мацалла хІоьттира оцу гІалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин[6] цхьана кедах дато пхи ахча доьхура.
26Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гІалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чІогІа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гІо дехьа суна».
27Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гІо ца дича, аса хІун гІо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хІумма а яц. Я кІа а, я чагІар а дуй ткъа соьгахь?» 28ТІаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хІун лаьа?»
Зудчо дийцира паччахье: «ХІокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кІант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“. 29Оха, сан кІант кхехка а вина, виира. ШолгІачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кІант, хІинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кІант дІалачкъийна!»
30Шена и дешнаш дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тІехула чекхволуш, нахана цуьнан дегІа тІера сингаттаман бедар гира. 31«Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, нагахь Шаптин кІант волчу ЭлишаІан корта тахана цуьнан белшаш тІехь бисахь!» – элира паччахьо. 32Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаІана тІе.
ЭлишаІ шен цІа чохь вара. И волчохь хевшина Іаш къаной а бара. И геланча шена тІе а вале, ЭлишаІа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хІаллакдеш волчо, сан корта тІерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неІ дІакъовлалаш! НеІ тІе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тІаьххье схьавогІучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» 33ЭлишаІ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тІе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХІара бала Везачу Элера тІебеана бу! ХІунда Іан веза со, Веза Эла варе ла а доьгІуш?»

 

 

7

 

1ЭлишаІа элира: «Везачу Элан даше ладогІийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хІоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гІалин кевнехь духкур ду“».
2ТІаккха паччахьо шен куьг тІетовжош волчу тІеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?»
Вукхо жоп делира: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!»

 

Арамхойн эскар дІададар

 

3Шайна тІехь дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гІалин кевнехь хиъна Іаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгІуш, хевшина Іийна хІун дийр ду вай? 4Шамран-гІалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Іийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гІой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Іийр ду вай, ткъа дайахь – лийр ду». 5Суьйранна арамхойн меттаматтана тІебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара. 6ЙогІучу гІудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догІучу доккхачу эскаран гІовгІа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТІаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тІом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». 7МаьркІажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дІа а тесна, шайн синош кІелхьар а дохуш, дІабевддера уьш.
8Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТІаккха четар чуьра дети а, деши а, тІеюха бедарш а, схьа а эцна, дІа а бахана, и хІуманаш дІалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгІачу четар чуьра а еза хІуманаш, схьа а эцна, уьш а дІалачкъийра. 9Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хІара, ткъа вай, и дІа а ца буьйцуш, Іаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Іахь, вайна таІзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цІахь хІара гІуллакх дІахаийта деза». 10Цара, тІе а бахана, гІалин кевнехь лаьттачу гІаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дІа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тІедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ».
11ГІаролехь болчара и кхаъ дІакхайкхийра, иза паччахьан цІа чу а кхечира. 12Паччахьо, буьйсанна хьала а гІаьттина, шен тІеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хІун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хІоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дІа а бевлла, аренгахь дІахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гІалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гІали чу девр ду“».
13Паччахьан тІеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хІетте а лийр ю-кх, гІалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хІун ду?» 14Говраш а йоьжна, ши гІудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тІаьхьа. «ГІой, хьовсийша, хІун ду те эццахь дерг», – элира паччахьо. 15Уьш Йордан-хина тІекхаччалц дІабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Іуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дІадийцира. 16Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хІума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира.
17Куьг тІетовжош хилла волу шен тІеман хьаькам паччахьо гІалин кевнехь гІаролехь дІахІоттийнера. Ткъа халкъо и тІеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира. 18Делан стага паччахье: «Кхана хІоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гІалин кевнехь духкур ду», – аьллачу хенахь, 19тІеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хІетахь аьллера: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!» 20Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.

 

8

 

Шунамхочунна цуьнан аренан дакъа юхадалар

 

1Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». 2Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цІерачара а, дІа а бахана, пІелаштамхойн махкахь ворхІ шо даьккхинера.
3ВорхІ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пІелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цІа а, шен аре а шена схьаялар дийхира. 4Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГІайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаІа мел динчу тамашийначу гІуллакхех лаьцна». 5ЭлишаІа веллачуьра кІант денварх лаьцна ГІайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кІентан нана, паччахье шен цІа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГІайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хІара шиъ ду-кх ЭлишаІа денвина кІант а, цуьнан нана а». 6Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дІадийцира. ТІаккха паччахьо шен кертахь гІуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цІера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тІекхаччалц, цуьнан кха тІера баьллачу пайданах цунна доггІург дІа а ло».

 

ЭлишаІ-пайхамаррий, Хьазиаллий

 

7Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаІ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гІала веана аьлла хаам паччахьна тІе кхаьчча, 8паччахьо Хьазиале элира: «СовгІат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гІо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ – аьлла». 9Шовзткъа эмкална Дамасакх-гІалара уггар тоьлла долу совгІаташ тІе а дехкина, Хьазиал ЭлишаІана тІевеара. Цунна хьалха дІа а хІоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кІанта Бен-Хьадида, хьуна тІеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».
10ЭлишаІа цуьнга жоп делира: «ДІа а гІой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дІадиллина суна», – элира ЭлишаІа. 11ЭлишаІ Хьазиале леррина дІахьоьжура, иза воххалц. ТІаккха Делан стаг вилхира. 12Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?»
«Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа.
13Хьазиала элира: «Хьан лай волу со, жІаьла, мила вара оццул доккха долу гІуллакх кхочушдаллал?»
ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Эло дІадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар».
14ЭлишаІ волчуьра дІа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХІун элира хьоьга ЭлишаІа?»
«Цо соьга элира, хьо толур ву», – аьлла, жоп делира Хьазиала. 15ШолгІачу дийнахь Хьазиала, стомма юргІа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тІе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дІахІоьттира.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІурам

 

(2 Шерашкахь 21:1-20)

 

16Ахьабан кІанта Йорама Исраилан халкъана тІехь паччахьалла до пхоьалгІа шо долуш, ЯхІудан халкъана тІехь ЯхІушапти паччахь волуш, яхІудхойн кхин паччахь дІахІоьттира ЯхІушаптин кІант ЯхІурам. 17ЯхІураман ткъе шийтта шо дара, иза яхІудхойн паччахь дІахІоьттича. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 18Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цІийнах берш ма-леллара, хІунда аьлча Ахьабан йоІ цуьнан зуда яра. ЯхІурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. 19Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхІудан халкъ хІаллакдан ца лаьара. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло.
20ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. 21ЯхІурам шен ерриге а гІудалкхашца ЦаІир-гІала вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІера церан хьаькамашна а тІелетира. Ткъа яхІудхойн эскархой шайн цІеношка дІасабевдира. 22Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера.
23ЯхІурамах лаьцна – цо мел динчу гІуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 24ТІаккха ЯхІурам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира. ЯхІураман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз-ЯхІу.

 

ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 22:1-6)

 

25Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кІанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгІа шо долуш хилира яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІантах Ахьаз-ЯхІух паччахь. 26Ахьаз-ЯхІу паччахь хІоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Іатал-ЯхІу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Іумарин кІентан йоІ яра. 27Ахьаз-ЯхІу а вара Ахьабан цІийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цІийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора, хІунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цІийнаца гергарло долуш вара.
28Ахьабан кІантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тІом бан вахара Ахьаз-ЯхІу. Иза ГалІадера Рамат-гІалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 29Йорам-паччахь тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.

 

9

 

ЯхІу исраилхойн паччахь хиларна даьттанца къобалвар

 

1ЭлишаІ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, хІара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалІад-махкарчу Рамат-гІала дІагІо. 2Хьо цига дІакхаьчча, Нимшайн кІентан ЯхІушаптин кІант ЯхІу схьа а къаставой, цунна тІе а гІой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цІа чу ваккха. 3ТІаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тІе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тІаьхьа, неІ дІа а еллий, дІавада, сеца а ца соьцуш“».
4Къона пайхамар ГалІад-махкарчу Рамат-гІала вахара. 5Иза цига дІакхаьчча, охьахевшина болу тІеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТІеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан».
ЯхІус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?»
«Хьоьга ду, тІеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо. 6Иза, хьала а гІаьттина, цІа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тІе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тІехь. 7Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. 8Ахьабан дерриг цІа а хІаллакьхир ду. Аса хІаллаквийр ву Ахьабан цІийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а. 9НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна а, АхьъяхІун кІентан БаІшин цІенна а диннарг дина дІахІоттор ду Аса Ахьабан цІенна а. 10Ткъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраІална уллохь долчу цхьана кха тІехь жІаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дІаюллур а яц“». ТІаккха, неІ дІа а йиллина, къонах дІаведира.
11ЯхІу паччахьан вукху тІеман хьаькамашна тІевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХІумма-м ца хилла? И лартІехь воцург стенна веанера хьуна тІе?»
«Шуна и стаг а вевза, цо хІун боху а хаьа», – жоп делира ЯхІус.
12Цара элира: «И бакъ дац. Дийцал ахьа тхоьга».
ЯхІус шега аьлларг дІадийцира. ТІаккха цо тІетуьйхира: «Къонахчо бохура: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалво хьо’“».
13Цара сихха, хІораммо а шен-шен бедар схьа а эцна, цуьнан когашка тІегІанаш тІе охьатесира. ТІаккха, коьман маІа а локхуш, маьхьарий а детташ, элира: «ЯхІу – паччахь ву».

 

Исраилхойн паччахь Йорам вер

 

14Нимшайн кІант волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалІад-махкара Рамат-гІала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах. 15Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраІал-гІала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь.) ЯхІус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраІал-гІала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гІалара ара ма валийта». 16ЯхІу, гІудалкх тІе а хІоьттина, ИзраІал-гІала вахара, хІунда аьлча Йорам цигахь хІинца а цомгуш волуш Іуьллуш вара. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа.
17ИзраІал-гІалин бІов тІехь лаьтташ гІарол вара. Цунна ЯхІуца йогІу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогІу цхьа арданг го суна», – аьлла.
Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догІий шу?“»
18ТІаккха цхьа бере, дин тІе а хиъна, ЯхІуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогІий те хьо“?»
ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо».
ГІароло хаам бира: «Бере царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла. 19ТІаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тІе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догІий те?“»
ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо».
20ГІароло хаам бира: «Иза а царна тІекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кІентан ЯхІун боларх тера ду, хІунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гІудалкх».
21Йорама элира: «ГІудалкх дІайожа!» Цуьнан гІудалкх дІаюьйжира. ТІаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу а шайн гІудалкхаш тІехь ЯхІуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхІуна дуьхьалвахара, израІалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. 22Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?»
«Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус.
23Куьйгашца гІудалкх юха а ерзош, говраш дІа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхІу! Вайна ямартло йина!» 24Ткъа ЯхІус, шен куьйга Іад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гІудалкх чу охьавуьйжира. 25Шен гІудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхІус элира: «Схьа а эций, израІалхочун Набутин лаьттан декъа тІе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гІудалкхана тІехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тІаьхьахІоьттина вогІучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам: 26„Билггал Набутин а, цуьнан кІентийн а цІий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тІехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тІехь охьакхосса иза».

 

ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу вер

 

27Хилларг а гина, яхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу Байт-ХІаган-гІалина тІебоьдучу новкъа тІехула дІаиккхира. ЯхІус, гІудалкх цунна тІаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дІаваккха шен гІудалкхана тІехь». ИбалІам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхІус шен гІудалкх лаьллича, цунна чов йира цара[7]. Ахьаз-ЯхІу, МагІидда-гІала дІа а кхаьчна, цигахь велира. 28Цуьнан тІеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь дІавоьллира.
29Ахьаз-ЯхІу яхІудхойн паччахь дІахІоьттинера, Ахьабан кІанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгІа шо долуш.

 

Зуда-паччахь йолу Изабал ер

 

30ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. 31ЯхІу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогІий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?[8]»
32Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхІус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цІийнара ши-кхо ялхо. 33ЯхІус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тІе а, говраш тІе а деттаделира цуьнан цІийн тІадамаш. Изабалан дегІа тІехула шен гІудалкх яьккхира ЯхІус. 34Чу а веана, ша хІума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тІехь неІалт долу иза, схьа а лахий, дІайолла, хІунда аьлча иза паччахьан йоІ ю». 35Нах иза дІайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьІахкаш йоцург, хІумма а ца карийра царна. 36Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхІус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхІугахула Цо аьлла долу: „ИзраІалхойн аренгахь Изабалан дилха жІаьлеша дуур ду. 37Изабалан дакъа, кхо санна, израІалхойн декъа тІехь Іуьллур ду. ТІаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».

 

10

 

Ахьаб-паччахьан тІаьхье ер

 

1Ахьабан Шамран-гІалахь кхузткъе итт кІант вара. ЯхІус, кехаташ а яздина, Шамран-гІалахь болчу израІалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Іуналла а деш, царна тІехьожуш болчаьрга а дІасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара: 2«Шу долчохь шун олахочун кІентий бу, шуьгахь гІудалкхаш а, дой а, чІагІо йина гІала а, герз а ду. Цундела хІара кехат шайга дІакхаьчча, 3аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кІант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гІанта тІе а хаавай, шайн олахочун цІийнан агІор дІа а хІоттий, тІом бе».
4Цара, чІогІа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хІун дийр дара?» 5Паччахьан цІийнан хьаькамо а, гІалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Іуналла а деш, царна тІехьожуш болчара а ЯхІуна тІе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хІоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа».
6ТІаккха ЯхІус шозлагІа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кІентийн кортош тІера а дахий, кхана хІоккху хенахь со волчу ИзраІал-гІала схьадуьйла».
Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кІант вара. Церан дола а деш, царна тІехьожуш гІалара тоьлла хьолахой бара. 7Шайга и кехат дІакхаьчча, цара, паччахьан кІентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраІал-гІала ЯхІуна тІе дІадахьийтира.
8Геланчо ЯхІуга хаам бира: «Паччахьан кІентийн кортош схьадеана», – аьлла.
ЯхІус элира: «Царах ши хола а яй, Іуьйре тІеяллалц кевнехь шина а агІор охьадахкий, дита уьш». 9Іуьйранна ЯхІус, ара а ваьлла, дІа а хІоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина? 10ХІинца дІахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цІийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхІугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина». 11Иштта ИзраІал-гІалахь Ахьабан цІийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагІий а, динан дай а хІаллакбира ЯхІус. Цуьнан тІаьхьенах цхьа а дийна ца висира.

 

Ахьаз-ЯхІу-паччахьан гергара нах байар

 

12ЯхІу, хьала а гІаьттина, Шамран-гІала дІавахара. Новкъахь, жаІуй вовшахкхетачу Байт-Іекхад олучу меттигехь, 13яхІудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхІун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхІус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?»
«Тхо Ахьаз-ЯхІун гергарнаш ду. Паччахьан кІенташка а, паччахьан ненан Изабалан кІенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», – жоп делира цара. 14ЯхІус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дІа а лаьцна, Байт-Іекхадан гІунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира».

 

Ахьаб-паччахьан кхиболу гергара нах байар

 

15Цигара дІавахча, шена дуьхьал вогІу Рахбин кІант ЯхІу-Надаб гира ЯхІуна. Маршалла а хаьттина, ЯхІус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?»
ЯхІу-Надаба элира: «Ду».
«Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дІакховдийра. ЯхІус иза шен гІудалкх тІе хьалаваьккхира. 16Цо элира: «Соьца дІа а волий, со Везачу Элана тІевирзина хиларе хьажахьа». ЯхІу-Надаб гІудалкхана чу охьахиира. 17Уьш Шамран-гІала дІакхаьчча, ЯхІус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хІаллаквира. Цо уьш, тІаьхье а ца юьтуш, хІаллакбина дІабехира. Везачу Эло Эли-ЯхІугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а.

 

БаІална Іибадат деш берш хІаллакбар

 

18ЯхІус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Іамал ца йора БаІална, ткъа ЯхІус цунна гІуллакх дар совдоккхур ду. 19БаІалан массо а пайхамарш, массо а цунна Іамал еш берш, массо а цуьнан динан дай а, цхьа а схьаваза стаг а ца вуьтуш, схьагулбе суна тІе, хІунда аьлча аса доккха сагІа доккхур ду БаІална лерина. Ткъа схьа ца вогІуш висинарг цхьа а дийна вуьтур вац». (ЯхІус хІилланца деш дара иза, БаІална Іамал еш болу берриш а хІаллакбархьама.) 20ЯхІус элира: «БаІална лерина беза гулам хІоттабе». Иштта дІакхайкхийра гулам хІотто безар. 21Берриг а Исраил-махкахула дІасабаржийра ЯхІус и хаам. БаІална Іамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогІуш цхьа а ца висира. Уьш БаІалан цІа чу бевлира. И цІа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира. 22ТІеюху бедарш ларъеш волчуьнга ЯхІус элира: «БаІална Іамал еш болчу массарна а тІеюха бедарш схьая». Цу стага царна тІеюха бедарш схьаеара. 23Шеца Рахбин кІант ЯхІу-Надаб а вуьгуш, БаІалан цІенна чувелира ЯхІу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гІуллакх дечарах вуй те хІокху чохь, хІунда аьлча кху чохь БаІална Іамал еш берш бен хила ца беза». 24Иштта дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а даха БаІал-цІун цІенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхІус цІенна арахьа везткъа стаг дІахІоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кІелхьарвалахь, шен куьйга иза кІелхьарвалийтинчун са оцу кІелхьарваьллачун синан метта хир ду».
25Дийнаташ дагоран сагІанаш даьхна чекхдевлча, ЯхІус гІаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гІой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гІаролхой а, хьаькамаш а БаІалан цІийнан чухуларчу чІагІйинчу чоьнна чубахара. 26Цу чуьра цІу-делан дечиган бІогІам ара а баьккхина, иза багийра цара. 27Иштта кегбира БаІална хІоттийна тІулг а, дохийра БаІалан цІа а. И меттиг хІинца а цІанонна воьду меттиг ю.
28Иштта ЯхІус исраилхошна юкъара БаІална Іибадат дар дІадаьккхира. 29Амма НабатІан кІанта ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дІа ца вирзира ЯхІу – Бетал-гІалахь а, Дан-гІалахь а деших дина долчу эсашна наха Іибадат дарна тІера. 30Везачу Эло ЯхІуга элира: «Ахьа Суна хьалха бакъахьадерг доггах кхочушдина, Ахьабан цІенна Сан дан безам болу гІуллакх чекх а даьккхина, цундела хьан тІаьхьенах доьалгІачу гаранна тІекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». 31Амма ЯхІу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тІехь ца лелара. ЯрбаІама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тІера дІа ца вирзира иза.

 

ЯхІу-паччахьан валар

 

32Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тІехь толам а баьккхина, йоккха кІошт яьккхира цаьргара шен дола. 33И кІошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ІаруІер-гІалара дуьйна Арнон-хина тІекхаччалц. Цу чу догІура ГалІад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара.
34ЯхІус динчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 35ТІаккха ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІу-Ахьаз. 36Ткъа ЯхІус, Шамран-гІалахь а Іаш, исраилхошна тІехь паччахьалла дина хан ткъе бархІ шо яра.

 

ЯхІудхойн зуда-паччахь йолу Іатал-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 22:10–23:15)

 

11

 

1Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. 2Амма Ахьаз-ЯхІун йиша йолчу, ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІа Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа безачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Иштта, Іатал-ЯхІух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. 3Іатал-ЯхІус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кІентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цІа чохь къайлаваьккхира иза.
4Цуьнан ворхІалгІа шо долуш, динан дас ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан гІаролхошна а, паччахьан цІийнан гІаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цІийне ша волчу схьабалийра. ЯхІу-ЯдаІа цаьрца барт бира. ТІаккха динан дас, Везачу Элан цІа чохь цаьрга чІагІо а яйтина, паччахьан кІант Юаш гайтира царна. 5ЯхІу-ЯдаІа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хІара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогІуш долчу кхоалгІачу декъо паччахьан цІенна ха де. 6Царах вукху кхоалгІачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тІаьххьара кхоалгІачу декъо паччахьан гІаролхошна тІехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цІенна тІехь аша рогІ-роггІана ха де. 7Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цІахь волчу паччахьна ха де. 8Иштта аша, шайн хІораннан а карахь герз а долуш, массо а агІор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тІе а веана, юкъагІортахь я тІевагІахь, иза вей дІаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Іуналла де».
9Динан дас ЯхІу-ЯдаІа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хІораммо а шоьтан дийнахь схьабогІу а, мукъабовлу а тІемалой шайца ЯхІу-ЯдаІана тІебалийра. 10Везачу Элан цІа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гІаролхойн хьаькамашна дІасадийкъира. 11Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гІаролхой дІахІиттира цигахь. Уьш дІахІиттира паччахьна гонах – Везачу Элан цІенна аьтту агІонна тІера аьрру агІонна тІекхаччалц, сагІа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цІенна уллохь а. 12ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.
13Шена гІаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Іатал-ЯхІу Везачу Элан цІенна юххехь лаьттачу халкъана тІеяхара. 14ТІаккха, лакхенна тІехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Іатал-ЯхІус, шен тІехула юьйхина йолу бедар ятІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.
15Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, эскаран хьаькамаш болчу гІаролхошка омра а деш, элира: «Иза могІаршна юкъара дІаяккха, ткъа цунна тІаьхьахІуьттурш туьраца байа». ХІунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цІийнан кертахь ма ейта иза». 16Паччахьан цІенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.

 

Динан дас ЯхІу-ЯдаІа дина юхаметахІиттораш

 

(2 Шерашкахь 23:16-21)

 

17Цул тІаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхІу-ЯдаІа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхІу-ЯдаІа. 18ТІаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха.
Цул тІаьхьа динан дас ЯхІу-ЯдаІа Везачу Элан цІенна ха дан нах дІахІиттийра. 19Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гІаролхой а, паччахьан кертан гІаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цІийнера паччахьан цІенна тІе валийра. ТІаккха паччахьан гІаролхойн кевнна тІе боьдучу новкъахула паччахьан цІа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гІанта тІе охьахиира. 20Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гІала а дІатийра, хІунда аьлча Іатал-ЯхІу паччахьан цІенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.
21Юашан ворхІ шо дара, иза паччахь дІахІоьттича.

 

ЯхІудхойн паччахь волу Юаш

 

(2 Шерашкахь 24:1-16)

 

12

 

1Исраилхошна тІехь ЯхІус паччахьалла деш долу ворхІалгІа шо долуш, Юаш паччахь дІахІоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе ЦивъяхІу яра. Иза Беар-ШабаІ-гІалара яра. 2Динан дас ЯхІу-ЯдаІа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3Делахь а, тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза диснера, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора.
4Динан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цІенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча – ясакх санна хІора стагана тІера дІадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваІданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цІенна луш мел долу ахча а. 5ХІора динан дас, Делан цІийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цІа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дІа а тоеш».
6Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгІа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цІа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хІинца а тойина яцара. 7Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхІу-ЯдаІ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цІа чохь йоьхна йолу меттигаш то хІунда ца йо аша? Аша кхидІа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цІа дІатодарна бен». 8ТІаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дІа ца эца. Везачу Элан цІа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара.
9Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, цхьа гІутакх схьа а эцна, цунна тІехула агІор херо а даьккхина, иза сагІа доккхучу кхерчана аьтту агІорхьа Делан цІийнан керта чу воьддучу дІахІоттийра. Кертан неІарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гІутакх чу тосура. 10Цу гІутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза. 11ТІаккха и ахча Везачу Элан цІа нисдаран балхана тІехь куьйгалла деш болчу нахе дІалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гІишлош еш болчарна а, 12тІулгаш дуттучарна а, тІулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тІулг а эцарна а, Везачу Элан цІа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цІа меттахІоттош нислуш долчу массо а кхечу гІуллакхашна а. 13Делахь а, Везачу Элан цІенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цІенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегІаш а. 14Белхан куьйгалхошна дІалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цІа тодора. 15Белхалошна дІасадекъа ахча дІаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хІунда аьлча уьш тешаме нах бара. 16ГІуда такхаран а, къинан а сагІанех долу ахча Везачу Элан цІа чу ца дахьара – иза динан дайн долахь дара.
17Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гІалина дуьхьал тІом а бина, иза дІалецира. ТІаккха Ярушалаймана тІелата дагадеара Хьазиална. 18Амма яхІудхойн паччахьо Юаша, яхІудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхІушаптис а, ЯхІурама а, Ахьаз-ЯхІус а Везачу Элан цІенна сагІина мел деана хІума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагІина мел деана хІума а, Везачу Элан цІийнан а, паччахьан цІийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дІадахьийтира Юаша. ТІаккха Хьазиал тІе ца летира Ярушалаймана.
19Юашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь.
20ТІаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра. 21Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимІатан кІант Юзабди а, Шумаран кІант ЯхІу-Забди а. Юаш велира. Иза а дІавоьллира шен дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дІахІоьттира цуьнан кІант Амци-ЯхІу.

 

13

 

Исраилхойн паччахь волу ЯхІу-Ахьаз

 

1ЯхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз. Цо вуьрхІитта шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. 2Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тІера дІа а ца воьрзуш. 3ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кІентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна. 4ТІаккха ЯхІу-Ахьаза гІо доьхуш доІа дира Везачу Эле. И доІа Везачу Элана дІахезира, хІунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чІогІа бу. 5ТІаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кІелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цІенош чохь Іаш бара. 6Амма ЯрбаІаман цІийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тІера дІа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидІа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цІу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бІогІам Шамран-гІалахь кхидІа а лаьтташ бара.
7ЯхІу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тІеман гІудалкх а, итт эзар гІашло а бен вацара, хІунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дІадаьккхира, когаш кІел хьоьшу чан санна эскархой а беш.
8ЯхІу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 9ТІаккха ЯхІу-Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯхІу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІуаш.

 

Исраилхойн паччахь ЯхІуаш

 

10ЯхІудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира. 11Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цо. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора. 12ЯхІуаша лелийначу кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а, яхІудхойн паччахьца Амци-ЯхІуца цо бинчу тІамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 13ТІаккха ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІам. Исраилхойн паччахьаш дІабоьхкинчу Шамран-гІалахь дІавоьллира ЯхІуаш а.

 

ЭлишаІан валар

 

14ЭлишаІана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тІаьхьо иза вала а велира. ЭлишаІ волчу исраилхойн паччахь ЯхІуаш веара. Цо, ЭлишаІана тІе а хІоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тІеман гІап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»
15ЭлишаІа цуьнга элира: «СекхаІад а, пхерчий а схьаэца». ЯхІуаша схьаийцира секхаІад а, пхерчий а. 16Исраилхойн паччахье ЭлишаІа элира: «Хьайн куьйгаца Іад дула». Паччахьо шен куьйгаца Іад дуьйлира. ТІаккха ЭлишаІа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тІедехкира. 17«Малхбалехьа долу кор дІаделла», – элира ЭлишаІа. Паччахьо кор дІадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тІехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гІалахь арамхой хІаллакбийр бу».
18ЭлишаІа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. 19Делан стага, оьгІаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТІаккха кхоччуш хІаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хІинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тІехь».
20ЭлишаІ велира, наха иза дІавоьллира.
ХІора шарахь бІаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогІура. 21Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дІавуллуш. Шайна тІейогІу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаІан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаІан даьІахкех дІахьакхаделла, тІаккха, ден а велла, шен когаш тІе дІахІоьттира и стаг.

 

Исраилхоша арамхошца бина тІом

 

22Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхІу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь. 23Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хІинцалерчу ханна тІекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хІаллакбан я уьш Шена уллора дІататта.
24Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Бен-Хьадид. 25ТІом болчу хенахь Хьазиала масех гІала схьаяьккхинера ЯхІуашан дегара ЯхІу-Ахьазера, амма ЯхІуаша и гІаланаш юхаехира Хьазиалан кІантера Бен-Хьадидера. ЯхІуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тІехь, исраилхойн гІаланаш юха а йохуш.

 

ЯхІудхойн паччахь волу Амци-ЯхІу а, исраилхойн паччахь волу ЯхІуаш а

 

(2 Шерашкахь 25:1-24)

 

14

 

1Исраилхойн паччахь волчу ЯхІу-Ахьазан кІанта ЯхІуаша паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилла дІахІоьттира Юашан кІант Амци-ЯхІу. 2Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхІун ненан цІе ЯхІу-Іаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Амци-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш дора, амма цу тІехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гІуллакхаш леладора. 4Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора.
5Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира. 6Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза».
7Амци-ЯхІус Дуьра тогІи чохь итт эзар эдомхо хІаллаквира. ТІамца СилаІ-гІала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цІе тиллира цо. Тахханалц а цу гІалин цІе изза ю.
8ТІаккха Амци-ЯхІус исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ», – дІаала аьлла. 9Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. 10Ахьа эдомхошна тІехь толам баьккхина. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара».
11Амма Амци-ЯхІус ла ца дуьйгІира шега аьллачуьнга. ТІаккха исраилхойн паччахь ЯхІуаш яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна дуьхьалвелира. И шиъ тІамца ЯхІуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гІалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 12Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. 13Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 14Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегІа а схьаийцира ЯхІуаша. Иштта, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
15ЯхІуаша лелийначу кхидолчу хІуманех – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо яхІудхойн паччахьца Амци-ЯхІуца бинчу тІамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 16ТІаккха ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯхІуашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант ЯрбаІам.

 

ЯхІудхойн паччахь волчу Амци-ЯхІун валар

 

(2 Шерашкахь 25:25-28)

 

17ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІант Амци-ЯхІу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш веллачул тІаьхьа пхийтта шарахь вехира. 18Амци-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь.
19Ярушалаймехь Амци-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гІала ведда дІавахара. ТІаккха, цунна тІаьхьа Лахиш-гІала нах а бахийтина, Амци-ЯхІу цигахь вийра. 20Амци-ЯхІун дакъа говраш тІехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь дІавоьллира. 21ТІаккха дерриг а ЯхІудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу[9] шен ден Амци-ЯхІун метта паччахь дІахІоттийра. 22ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхеттачул тІаьхьа Іузи-ЯхІус, Эйлат-гІала ЯхІуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахІоттийра.

 

Исраилхойн паччахь ЯрбаІам

 

23ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІанта Амци-ЯхІус паччахьалла до пхийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЮшаІан кІант ЯрбаІам. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. 24ЯрбаІама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. 25ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.
26Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Іазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гІо дан. 27Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цІе стигал кІелара дІаяйа аьлла ца хиларна, ЯхІуашан кІентан ЯрбаІаман куьйгахула кІелхьарбехира Цо уьш.
28ЯрбаІама динчу массо а кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гІуллакхех а, яхІудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гІаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 29ТІаккха ЯрбаІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гІалахь дІавоьллира. ЯрбаІаман метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Закри-ЯхІу.

 

ЯхІудхойн паччахь волу Іузи-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 26:1-23)

 

15

 

1Исраилхойн паччахьо ЯрбаІама паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Амци-ЯхІун кІант Іузи-ЯхІу[10]. 2Цу хенахь Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Шен дас Амци-ЯхІус лела мел динарг санна, Іузи-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 4Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. 5Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора.
6Іузи-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 7ТІаккха Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам.

 

Исраилхойн паччахь Закри-ЯхІу

 

8ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІаман кІант Закри-ЯхІу. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. 9Закри-ЯхІус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. 10Закри-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кІанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш[11], иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хІоьттира.
11Закри-ЯхІус лелийначу кхидолчу гІуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.
12Иштта Везачу Эло ЯхІуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тІаьхьенах доьалгІачу гаранна тІекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.

 

Исраилхойн паччахь Шалум

 

13ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Явешан кІант Шалум. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.
14Тирца-гІалара Гадин кІанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гІалахь Явешан кІант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дІа а хІуттуш. 15Шалуман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 16Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гІалара ара а ваьлла, Тапсахь-гІалина тІелетира. ГІалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тІелетира иза, хІунда аьлча цара гІалин кевнаш дІа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хІаллакьяйтира цо.

 

Исраилхойн паччахь Менахьим

 

17ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Гадин кІант Менахьим. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира. 18Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. 19Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула[12] Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. 20ХІора хьолахочунна тІе шовзткъе итт шекхал дети[13] далар тІедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дІаделира цо. ТІаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дІавахара.
21Менахьиман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 22ТІаккха Менахьим, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кІант Пакхихь-ЯхІу.

 

Исраилхойн паччахь Пакхихь-ЯхІу

 

23Іузи-ЯхІус паччахьалла до шовзткъе уьтталгІа шо долуш, Исраилан халкъана тІехь паччахь хІоьттира Менахьиман кІант Пакхихь-ЯхІу. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 24Пакхихь-ЯхІус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу къинойх дІа ца вирзира иза. 25Пакхихь-ЯхІу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхІун кІант вара. Цо, Пакхихь-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалІад-гІалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гІалахь паччахьан цІийнан чІагІйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргІаб а, Ария а вийра цо. ТІаккха Пикхахьи паччахь хилла дІахІоьттира Пакхихь-ЯхІу-паччахьан метта.
26Пакхихь-ЯхІу-паччахьан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

 

Исраилхойн паччахь Пикхахьи

 

27ЯхІудхойн паччахь волчу Іузи-ЯхІус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. 28Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу къинойх дІа ца вирзира иза.
29Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо.
30Элан кІанта ХІушаІа, Рамли-ЯхІун кІантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тІе а летта, иза вийра. Иштта, Іузи-ЯхІун кІанта Йовтама паччахьалла до ткъолгІа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дІахІоьттира ХІушаІ. 31Пикхахьин кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

 

ЯхІудхойн паччахь Йовтам

 

(2 Шерашкахь 27:1-9)

 

32Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам. 33Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Яруша яра, иза ЦІадукъин йоІ яра. 34Шен дас Іузи-ЯхІус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. 35Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара.
36Йовтаман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 37Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхІудхошца тІом бан. 38Ткъа Йовтам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гІалахь дІавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз.

 

ЯхІудхойн паччахь Ахьаз

 

(2 Шерашкахь 28:1-27)

 

16

 

1Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхІитталгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Йовтаман кІант Ахьаз. 2Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. 3Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. 4Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза.
5ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. 6Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. 7Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». 8ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. 9Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра.
10Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. 11ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. 12Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. 13Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. 14Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. 15Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». 16Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхІус.
17Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. 18Везачу Элан цІийнан кертахь шоьтан дийнахь дІахІуттучу гуламна лерина йина тхевнан кІело а дІаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цІа чу вогІийла а дІаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза.
19Ахьазан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 20ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Ахьазан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьузакх-ЯхІу.

 

17

 

Исраилхойн паччахь волу ХІушаІ

 

1ЯхІудхойн паччахь волчу Ахьаза паччахьалла деш долу шийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира Элан кІант ХІушаІ. Цо исс шарахь, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. 2ХІушаІа а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Амма шел хьалха хиллачу исраилхойн паччахьаша санна дукха зуламаш ца дора ХІушаІа. 3Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХІушаІана дуьхьалвелира. ТІаккха ХІушаІах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира. 4Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХІушаІа шена дуьхьал барт бина хилар. ХІушаІа Мисар-мехкан Су-паччахьна тІе[14] геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХІушаІ дІа а лаьцна, иза набахти чу воьллира.

 

Шамран-гІала йохар

 

5Берриг а Исраил-махкана тІегІоьртира Шалманесар. Шамран-гІалина тІе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гІала. 6ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо.
7И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Іибадат дора, 8Везачу Эло шайн лаьттара дІалелхийначу къаьмнаша лелийна доллу хІума лела а дора, иштта исраилхойн паччахьаша хІиттийна зуламе ламасташ цара а леладора. 9Шайн Везачу Далла нийса хеташ доцу гІуллакхаш къайлаха леладора исраилхоша. Цара шайн массо а гІаланашкахь тІехь сагІа доккху гунаш дІахІиттийра, ха деш йолу бІов йолуш йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна чІагІйинчу йоккхачу гІалина тІекхаччалц. 10Исраилхоша шаьш Іаш болчохь харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттинера хІора гуна тІе а, хІора ІиндагІ луш долчу диттана кІел а. 11Шаьш долчуьра Везачу Эло лелхийна долчу къаьмнаша санна, оцу массо а сагІа доккхучу гунаш тІехь хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора цара. Иштта, Веза Эла оьгІазвохуьйту зуламе гІуллакхаш дора цара. 12Цара цІу-деланашна Іибадат дора, ткъа Везачу Эло исраилхошка аьллера: «Иза ма леладелаш».
13Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». 14Амма цара ла ца дугІура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. 15Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». 16Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора. 17Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. 18Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Цо уьш Шена уллора дІатеттира. ЯхІудан цхьа тайпа доцург, царах цхьа а ца висира!
19ЯхІудхоша а ца лардора шайн Везачу Делан весеташ. Цара а леладора исраилхойн Іадаташ, исраилхоша дийрриг а деш. 20Иштта, Везачу Эло дІатеттира дерриг а Исраилан халкъ. Цо дуккха а баланаш тІе а бахкийтира цунна, талорхойн кара дІа а белира уьш. ТІаьххьара а Шена гучуьра дІа а бехира Везачу Эло исраилхой.
21Везачу Эло исраилхой Даудан цІийнах дІакъастийча, НабатІан кІант ЯрбаІам шайн паччахь дІахІоттийра цара. Ткъа ЯрбаІама, исраилхой Везачу Элах дІа а берзийна, доккха къа латадайтира цаьрга. 22ЯрбаІам-паччахьо летош доллу къинош летадора исраилхоша а. И къинош леточуьра совцуш а бацара исраилхой, 23Везачу Эло уьш дІататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дІакхалхийнера, уьш хІинца а цигахь бехаш бу.

 

Исраил-махкахь ашурхоша кхин къаьмнаш даха охьаховшор

 

24Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Іаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гІаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гІаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гІаланашкахь даха охьахевшира. 25Цигахь даха доладелча, и халкъаш Везачу Эле ларамах дуьзна ца хилла. Цундела Везачу Эло царна юкъа лоьмаш дохуьйтура. Лоьмаша цхьаберш хІаллакбора. 26ТІаккха Ашур-мехкан паччахьна тІе хабар даьхьира: «Шамран-мехкан гІаланашка схьа а далийна, ахьа охьаховшийначу халкъашна цу махкарчу Дала тІедехкинарш ца девза. Цундела Цо царна юкъа лоьмаш дахийтина, ткъа цу лоьмаша и халкъ хІаллакдо, царна цу махкарчу Дала тІедехкинарш ца девза дела», – аьлла. 27Ашур-мехкан паччахьо, омра а деш, элира: «Цигара арабаьхна болчу динан дайх цхьаъ оцу махка вахийта. Иза цига дІа а хьажавой, цу мехкан Дала тІедехкинарш а довзуьйтуш, иза цигахь вахийта». 28ТІаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гІала схьа а веана, Везачу Элана Іамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара.
29Амма хІора халкъо шайн-шайн деланийн цІуш бора. И цІуш сагІа доккхучу гунаш тІехь шамранхоша динчу харцделанийн цІеношкахь дІахІиттабора цара. Иштта шаьш даха охьахевшинчу хІора а гІалахь дира цара. 30Бавел-гІаларчу наха шайна Сакхат-Банут олу цІу-дела вира, Кут-гІаларчу наха – Нургал, Хьамат-гІаларчу наха – Ашимаъ цІераш йолу цІу-деланаш дІахІиттийнера. 31Іаву-гІалахь – Нибхьаз а, Тартакх а цІуш бира, сепарваймхоша шайн бераш цІергахь дагадора шайн цІу-деланашна Адир-Маликана а, Іанам-Маликана а уьш сагІина а дахьаш. 32Цу тІе Везачу Элана а Іамал йора цара. СагІа доккхучу гунаш тІе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гІуллакх деш бара гунаш тІехь долчу харцделанийн цІенош чохь. 33Цара Везачу Элана Іибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Іамал йора цара.
34ХІинца а шайн хІетахьлера Іадаташ леладо цара. Уьш Везачу Эле ларамах буьзна бац, ткъа Везачу Эло «Исраил» аьлла цІе тиллинчу Якъубан тІаьхьенна делла парзаш а, тІедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а цара лар ца до. 35Везачу Эло, Исраилан халкъаца барт а беш, царна тІедиллинера: «Кхечу деланашна Іибадат а ма де, царна корта а ма бетта, Іамал а ма е, сагІа а ма даккха. 36Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Іибадат а де, Цунна Іамал а е, Цунна сагІа а даккха. 37Везачу Эло шайна дІаяздина парзаш а, тІедехкинарш а, товрат-хьехам а, весеташ а гуттара а лардан деза аша. Кхечу деланашна Іамал ян ца еза аша. 38Аса шайца бина барт биц а ма бе, кхечу деланашна Іамал а ма е. 39Веккъа шайн Веза Эла волчу цхьана Далла Іамал е, тІаккха Цо шу кІелхьардохур ду шун массо а мостагІех». 40Амма исраилхоша Цуьнга ла ца дугІура. Цара шаьш хьалха лелийна доллу гІуллакхаш леладора.
41Оцу халкъаша Везачу Элана а Іибадат дора, амма шайн цІу-деланашна а Іамал йора. ХІинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гІуллакхаш леладо.

 

ЯхІудхойн паччахь Хьузакх-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 29:1,2;31:1)

 

18

 

1Исраилхойн паччахь волчу Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до кхоалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Ахьаз-паччахьан кІант Хьузакх-ЯхІу. 2Иза паччахь дІахІуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхІус. Цуьнан ненан цІе яра Аби-ЯхІу, ткъа иза Закри-ЯхІун йоІ яра. 3Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. 4СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. 5Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. 6Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. 7Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гІуллакхаш тІехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхІу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтІахь вацара Хьузакх-ЯхІу. 8Ха деш йолу бІов йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна йоккхачу чІагІйинчу гІалина тІекхаччалц, пІелаштамхошна тІехь толамаш бехира цо, Іази-гІалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тІекхаччалц.
9Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до доьалгІа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тІе а гІоьртина, Шамран-гІалина го бира. 10Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. 11Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.
12И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.

 

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

 

(2 Шерашкахь 32:1-19;ЕшаІ-ЯхІу 36:1-22)

 

13Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. 14ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. 15Цу тайпана Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дІаделира Хьузакх-ЯхІус. 16Везачу Элан цІа чохь ша дІахІиттийначу дешин неІаршна тІера а, неІарийн гураш тІера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дІаделира цо. 17Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. 18Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цІахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тІевеара. 19Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дІаала Хьузакх-ЯхІуга:
„Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бІобулуш дерг хІун ду?’ 20Ахь боху хьайн говзалла а ю, тІеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21Кагъелла Іаса санна болчу оцу Мисар-махкана тІетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тІе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Іаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирІун.
22Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Іаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхІус, цу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІа а даьхна, ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хІокху кхерчана хьалха бен Іибадат ма де’. 23Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гІо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тІе ховшо береш карор барий хьуна? 24Сан олахочун уггар кІезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гІерта хьо, Мисар-махко хьайна тІеман гІудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Іаш хилча? 25Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тІе вогІур варий со иза хІаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гІой, хІокху махкана тІе а латий, иза хІаллакбе’“».
26Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца».
27Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тІе а, хьуна тІе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хІара дешнаш дІаала? ХІан-хІан, хІокху пенна тІе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатІ муьйлур долчу а кху адамашка а дІаала веана со».
28ТІаккха эскаран хьаькамо, хьала а гІаьттина, чІоггІачу озаца Іебархойн маттахь элира: «ЛадогІалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка! 29ХІара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхІуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кІелхьардахалур дац. 30‘Везачу Эло вай кІелхьар а дохур ду, и гІала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхІуга ле ма дайта. 31Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен долахь йолчу гІу чуьра хи а молийла, 32аса, ван а веана, шена тІехь кІа а, чагІар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тІе шаьш дІадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кІелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхІуга ла ма догІа. 33Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? 34Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева олучу гІаланийн деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 35Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»
36Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дІатийна Іаш дара халкъ, хІунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. 37ТІаккха паччахьан цІийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дІаяздеш волчу Асайпан кІанта Юахьис а, шайн тІехулара бедарш а этІийна, Хьузакх-ЯхІуна тІе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дІадийцира.

 

Паччахьо ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаре хьехам бар дехар

 

(ЕшаІ-ЯхІу 37:1-7)

 

19

 

1Шена и хабар ма-хеззи, шен тІехулара бедарш а этІийна, сингаттаман духар тІе а дуьйхина, Везачу Элан цІа долчу вахара Хьузакх-ЯхІу. 2Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо. 3Цара элира ЕшаІ-ЯхІуга: «Иштта боху Хьузакх-ЯхІус: „Сингаттаман а, таІзар даран а, эхь тІедаран а де ду хІара, хІунда аьлча бер дуьнен чу доккхучу, амма и бер дан ницкъ ца кхочучу зудчух тарделла вай. 4Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо дийна волу Дела емалвеш аьлла дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна и дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“».
5Хьузакх-ЯхІу-паччахьан ялхой шена тІе баьхкича, 6ЕшаІ-ЯхІус цаьрга элира: «ДІаала шайн паччахье, Везачу Эло иштта боху: „Ашурхойн паччахьан ялхоша, Со емал а веш, аьллачу, хьайна хезначу дешнех ма кхера. 7Хьажалахь! Аса цунна чу са дуьллуьйтур ду, тІаккха цхьа хаам а хезна, иза шен махка юхавоьрзур ву. Ткъа Аса шен махкахь туьраца хІаллаквийр ву иза“».

 

Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту

 

(ЕшаІ-ЯхІу 37:8-20)

 

8Ашурхойн паччахь Лахиш-гІалара дІавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дІавахара. Цунна шен паччахь Либна-гІалина дуьхьал тІом беш карийра. 9ТІаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхІакъа шена тІелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна тІе, 10цуьнга дІаала: «Хьан Шех дегайовхо йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дІалур яц“, – аьлча. 11Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хІун дина, уьш хІаллак а деш? Ткъа хьо кІелхьарвоккхур ву ткъа? 12Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кІелхьарбаьхний? Газун а, ХІаран а, Рацап а гІаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Іеданера а бахархой кІелхьарбаьхний цара? 13Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХІинаІ а, Іева а цІераш йолчу гІаланийн паччахьаш?»
14Хьузакх-ЯхІус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТІаккха, Везачу Элан цІийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15Везачу Элана хьалха доІа а деш, Хьузакх-ЯхІус элира: «Каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 16Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. 17Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хІаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 18церан цІу-деланаш цІерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. 19Ткъа хІинца, тхан Веза Дела, кІелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тІаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».

 

ЕшаІ-ЯхІугахула Дала делла жоп

 

(ЕшаІ-ЯхІу 37:21-38)

 

20Амосан кІанта ЕшаІ-ЯхІус Хьузакх-ЯхІуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доІа хезна Суна. 21ХІара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош:
‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг,
Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.
22Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а?
Хьанна дуьхьал аз айдина ахь,
Хьанах ца вешаш хьайн бІаьргаш хьалаайина?
Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх!
23Веза Эла емал а веш,
хьайн геланчашкахула ахьа бохура:
‹Сайн дуккха а йолчу гІудалкхашца
ломан лакхенашка хьалаваьлла со,
Ливанунан уггар лакхарчу регІа тІе.
Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а,
тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса.
Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а,
хьаннашна юкъахь къаьсттина юькъа йолчу хьуьнах а кхаьчна со.
24Хийрачу мехкашкахь гІунаш схьа а йостуш,
царна чуьра хи мийлина аса.
Сайн когийн айрашца Мисар-махкара
дерриг а хиш лакъийна аса›.

 

25Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар
хьуна ца хезна те?
Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина,
хІинца иза Аса кхочушдина,
чІагІйина гІаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш,
царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
26Цу гІаланийн бахархой ницкъ а байна хилла,
кхерамна бега а беш, царна тІе эхь деана.
Арара буц я экам зІийдагаш санна бу уьш.
Тхов тІехь хьалабаьлла бай санна бу уьш,
кхиале берриг а марца а мерцина,
малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.

 

27Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а,
араваьлча а, чуваьлча а.
Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.
28Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а,
хьан цавашар Сан лере кхачарна а,
хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю,
хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса.
Хьо схьавеанчу новкъахула
юха а верзор ву Аса’“.
29ХІара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхІу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хІух кхиъна долу ялта, иштта тІедогІучу шарахь ша тІедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгІачу шарахь ялта дІа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дІае, церан стоьмаш а баа. 30ЯхІудан цІийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. 31ХІунда аьлча Ярушалаймера схьабогІур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богІур бу шаьш кІелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан хьагІ йоцучу эмгаралло кхочушдийр ду.
32Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гІали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гІалина тІе а вогІур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. 33Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гІали чу вогІур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – 34Аса ларйийр ю хІара гІала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кІелхьар а йоккхур ю иза“».
35Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. 36Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. 37Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун.

 

Хьузакх-ЯхІу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а

 

(ЕшаІ-ЯхІу 38:1-8,21,22;2 Шерашкахь 32:24-26)

 

20

 

1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цІентІехь болчаьрга весет де, хІунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
2Юьхь пенехьа дІа а ерзийна, Везачу Эле иштта доІа дира Хьузакх-ЯхІус: 3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу.
4ЕшаІ-ЯхІу паччахьан цІийнан юккъерачу кертара ара а валале, Везачу Элан дош кхечира цуьнга: 5«Юха а верзий, Сан халкъан олахочуьнга Хьузакх-ЯхІуга ала: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Аса хьо товийр ву. КхоалгІачу дийнахь Везачу Элан цІийне гІур ву хьо. 6Ас хьан дахарна пхийтта шо хан тІетухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Аса. Сайн дуьхьа а, Сайн ялхо волчу Даудан дуьхьа а ларйийр ю Аса хІара гІала’“».
7ЕшаІ-ЯхІус элира: «Іаьвдина инжирийн курс схьаэца». Іаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тІейиллира цара. ТІаккха паччахь товелира. 8Хьузакх-ЯхІус ЕшаІ-ЯхІуга хаьттира: «ХІун билгало хир ю, Везачу Эло со то а вина, кхоалгІачу дийнахь со Везачу Элан цІийне гІур ву аларан?»
9ЕшаІ-ЯхІус жоп делира: «Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан билгало хІара хир ю: лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна хьалхадаккха я юхадаккха лаьа хьуна?»
10Хьузакх-ЯхІус элира: «ІиндагІана атта хир ду итт тІегІанна хьалхадала. ХІан-хІа, лами тІера ІиндагІ итт тІегІанна юхадалийта».
11ЕшаІ-ЯхІу Везачу Эле кхайкхира. Ткъа Везачу Эло Ахьаз-паччахьан лами тІера ІиндагІ ша тІедаханчу итт тІегІанна юхадаккхийтира.

 

Бавел-махкара болу геланчаш

 

(ЕшаІ-ЯхІу 39:1-8)

 

12Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кІанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгІат а дахьийтира Хьузакх-ЯхІуна, иза цомгуш ву аьлла, шена хезна дела. 13Геланчаш тІе а эцна, Хьузакх-ЯхІус царна гайтира шен чІоь-цІа[15] чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, деза хьакхарш а – герз чохь долу цІа а, шен хазнашкахь мел дерг а. Хьузакх-ЯхІус шен паччахьан цІа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хІумма а ца дитира. 14Юха ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхІу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХІун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»
Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Уьш генарчу махкара баьхкинера, Бавелера», – аьлла.
15«Хьан цІа чуьра хІун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаІ-ЯхІус.
«Сан цІахь мел долу хІума а гира царна. Сан хазнаш чохь хІумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхІус.
16ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира Хьузакх-ЯхІуга: «ЛадогІа, Везачу Эло хІун боху: 17„Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. 18Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах».
19Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш.

 

Хьузакх-ЯхІун паччахьаллин чаккхе

 

(2 Шерашкахь 32:32,33)

 

20Хьузакх-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо бинчу хи латтош болчу Іомах а, цо лаьтта кІелхула гІали чу хи далош аьхкинчу саьнгарх а лаьцна – дІаяздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 21Хьузакх-ЯхІу а, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Хьузакх-ЯхІун метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Маннаш.

 

ЯхІудхойн паччахь волу Маннаш

 

(2 Шерашкахь 33:1-20)

 

21

 

1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Хьапцаби яра. 2Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора. 4Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. 5Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. 6Маннаша шен кІант цІерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. 7Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бІогІам, схьа а эцна, Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. 8Нагахь санна Аса царна мел тІедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тІедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тІера исраилхойн когаш кхин цкъа а дІабуьгуьйтур бац». 9Амма цара ла ца дуьйгІира Цуьнга. Маннаша харц некъа тІе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дІа а даьхна, хІаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.
10Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира: 11«ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. 12Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хІинца Аса бохам тІебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхІудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегІах зуз даллал цец а воккхуш. 13Айса Шамран-гІалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цІенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гІалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цІан а йина, Іункар хІоттош йолу пхьегІа санна, цІанйийр ю Аса Ярушалайм. 14Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагІийн кара дІа а лур бу. ХІонс санна хир ду и адамаш церан мостагІашна. 15Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гІуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хІинццалц схьа Со оьгІазъэхийтарна».
16Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира.
17Маннашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 18ТІаккха Маннаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен паччахьан цІерачу бешахь дІавоьллира. И беш Іузин беш яра. Маннашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Амин.

 

ЯхІудхойн паччахь Амин

 

(2 Шерашкахь 33:21-25)

 

19Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоІ яра. 20Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Іаммина а. 21Іаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Іибадат дина хиллачу цІушна Іамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш. 22Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Іаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.
23Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цІахь иза вийра. 24ТІаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хІаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кІант Юши-ЯхІу, паччахь а вина, дІахІоттийра.
25Аминан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 26Іаммин Іузин бешахь йолчу шен къубби чохь дІавоьллира. Іамминан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Юши-ЯхІу.

 

ЯхІудхойн паччахь Юши-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 34:1,2)

 

22

 

1Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гІаларчу Іади-ЯхІун йоІ яра. 2Юши-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хІуманна тІехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза.

 

Товрат-хьехамийн тептар карор

 

(2 Шерашкахь 34:8-28)

 

3Юши-ЯхІу-паччахьо олалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кІентан Ацал-ЯхІун кІант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цІийне. Паччахьо элира: 4«Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а гІой, Везачу Элан цІийнан кевнехь лаьтташ болчу гІаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. 5И ахча Везачу Элан цІенна тІехь болх беш болчу белхалошна тІехьовсучу нехан кара дІадала деза. Ткъа цара дІадекъа деза и ахча Везачу Элан цІа тодеш болчарна: 6дечиг пхьерашна а, гІишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тІулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цІа тодархьама. 7Шаьш оцу белхалошна дІалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хІунда аьлча царах теша мегар ду».
8Динан да волчу Хьалкхи-ЯхІус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цІа чохь». Хьалкхи-ЯхІус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дІадийшира. 9Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цІенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цІа тодеш белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн кара дІаделла». 10ТІаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира.
11Товрат-хьехамийн тептар тІера дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. 12ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: 13«Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара».
14ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. 15Хьулдата цаьрга элира: «ХІара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тІехьажийначу стаге хІара дІаала: 16‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тІе, яхІудхойн паччахьо дешна долчу тептар тІера дерриг а дешнаш тІехь ма-хиллара. 17Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. 18Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхІудхойн паччахье аша дІаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 19Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – 20И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Аса кху меттигна тІебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“».
Паччахьна тІедаьхьира и жоп.

 

Юши-ЯхІус кхечу деланашна Іамалъяр дІадаккхар

 

(2 Шерашкахь 34:3-7,29-33)

 

23

 

1Юши-ЯхІу-паччахьо ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2Паччахь Везачу Элан цІийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхІуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тІекхаччалц. ТІаккха паччахьо Везачу Элан цІенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тІера дерриге а дешнаш дІадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дІа а хозуьйтуш. 3БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан.
4ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цІийнан кертарчу гІаролашка а, оцу кертахь цІу-деланашка БаІална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Іамал еш дІахІоттийна мел йолу хІума араяккха аьлла. Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриг хІуманаш Ярушалайм-гІалина арахьа йолчу Кхидрун-тогІи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гІала дІабаьхьира. 5ЯхІудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогІу хІума ягайора БаІал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхІу-паччахьо дІабехира ЯхІуд-мехкан массо гІаланийн а, Ярушалайм-гІалина гонах мел йолчу меттигийн а сагІа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогІу хІума яго яхІудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. 7Цул тІаьхьа Юши-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь лаьтташ болчу цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цІенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цІунна Іамал ечу хенахь тІеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8Юши-ЯхІу-паччахьо массо динан дай, ЯхІуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гІали чубехира. Берриге а ЯхІуд-махкахь – ГибаІ-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц – динан дайша тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхІу-паччахьо иштта гІалин кевнна уллохь болчу газа-цІушна лерина болу сагІа доккху гу бохабайтира. ГІалин хьаькам хиллачу ЮшаІан кевнехь чуволлучохь, гІалин кевнан аьрру агІор, бара и гу. 9Ткъа, хьалха цІушна Іамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана хІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна.
10Юши-ЯхІу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХІинам-тогІи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кІант я йоІ цигахь Мулка-цІунна лерина цІерах чекх ца бахийтархьама. 11ДІаяханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша говраш а, гІудалкхаш а хІиттайора Везачу Элан цІийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цІенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гІудалкхаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо и говраш цигара дІаяхийтира, ткъа гІудалкхаш ягаяйтира. 12Яханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша Ахьазан цІенойн тІехула долчу цІийнан тхов тІе тІулгех сагІа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь сагІа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриге сагІа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогІи чу кхиссийтира. 13Ярушалайм-гІалина малхбалехь болу а, ХІаллакдаран ломана[16] къилбехь болу а сагІа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхІу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дІахІиттийнера цІаданхоша Іамал еш йолчу дегазчу Іаштарт-цІунна а, муабахоша Іамал еш волчу боьхачу Камош-цІунна а, Іамминхоша Іамал еш волчу дегазчу МилкІом-цІунна[17] а лерина. 14Юши-ЯхІу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, дІадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьІахкех юьзира.
15Иштта кхин а Юши-ЯхІу-паччахьо бохийна дІабаьккхира Бетал-гІалахь болу сагІа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатІан кІанта ЯрбаІама цигахь, сагІа доккхучу гу тІехь, дІахІоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хІума ягийна дІаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бІогІам а тІехь. Йисина хІуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира[18] Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. 17Цо хаьттира: «И хІун чурт ду суна гуш дерг?»
Цу гІаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхІуд-махкара вогІуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хІинца Бетал-гІалин сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».
18Юши-ЯхІу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьІахкаш цхьаммо а ма хьае».
ТІаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогІуш хиллачу пайхамаран а даьІахкаш.
19Иштта, Юши-ЯхІу-паччахьо Шамран-махкарчу гІаланашкахь сагІа доккхучу гунаш тІехь дІахІиттийна цІу-деланийн цІенош а дохадайтира. Веза Эла чІогІа оьгІазвахнера цу кеппара долу цІенош исраилхойн паччахьаша дІахІиттадарна. Ша Бетал-гІалахь диннарг оцу гунаш тІехь йолчу сагІа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхІу-паччахьо. 20Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхІу-паччахьо байина дІабахийтира. ТІаккха адамийн даьІахкаш цу сагІа доккхучу меттигашна тІехь ягийра. Ткъа иштта Іамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхІу-паччахь.

 

Пасахь олу деза де даздар карладаккхар

 

(2 Шерашкахь 35:1-19)

 

21ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тІехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“ деза де». 22Исраилан халкъана тІехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн деношна тІекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. 23Юши-ЯхІус паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гІалахь даздира.

 

Юши-ЯхІу-паччахьо дина керла гІуллакхаш

 

24Юши-ЯхІу-паччахьо хІаллакбира ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тІедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цІахь болу цІуш а, кхиболу цІуш а, массо а кхидолу дегаза хІуманаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цІа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхІуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тІера тІедехкинарш кхочушдархьама. 25Юши-ЯхІу-паччахьал хьалха я цул тІаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тІевирзина верг, массо а хІуманна тІехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг.
26Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хІуманаш бахьана долуш, Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтинера. ХІинца а ЯхІудан халкъана оьгІазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. 27Везачу Эло элира: «Ас ЯхІудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хІара Сан цІа а, Ас шех лаьцна: „Сан цІе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дІатоттур ду Ас Сайна хьалхара».

 

Юши-ЯхІус паччахьалла даран чаккхе

 

(2 Шерашкахь 35:20 – 36:1)

 

28Юши-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 29Юши-ЯхІус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирІун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гІо дархьама. Юши-ЯхІу-паччахь пирІунна дуьхьал тІом бан аравелла хилла. Ткъа пирІуно, МагІидда-гІалахь шена Юши-ЯхІу гича, иза вийна. 30ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира.
ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІу-Ахьаз

 

(2 Шерашкахь 36:2-4)

 

31ЯхІу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхІу-Ахьазан ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхІун йоІ яра. 32ЯхІу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. 33Наху-пирІуно, Ярушалаймехь ЯхІу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь набахти чу воьллира. Наху-пирІуно гІуда такхар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Шена ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирІуно яхІудхошкара. 34ТІаккха Наху-пирІуно Юши-ЯхІу-паччахьан Элъякъим цІе йолу кхин кІант хІоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирІуно Элъякъиман цІе хийцира, цунах ЯхІу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхІу-Ахьаз пирІуно Мисар-махка дІавигира, иза цигахь дІа а кхелхира.

 

ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхам

 

(2 Шерашкахь 36:5-8)

 

35ЯхІу-Якхам-паччахьо дети а, деши а лора пирІунна. И хІума кхочушдархьама, цо хІора а стагера, цуьнан долахь долчу лаьттан мехе хьаьжжина, деши а, дети а доккхура.
36ЯхІу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхІу-Якхаман ненан цІе Забудат яра. Иза Рума-гІаларчу Пади-ЯхІун йоІ яра. 37ЯхІу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора.

 

 

24

 

1ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. 2Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. 3Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхІудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гІуллакхаш дарна а, 4иштта цо бехк боцу дукха адам хІаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гІала цу нехан цІийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана.
5ЯхІу-Якхаман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. 6ТІаккха ЯхІу-Якхам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Ткъа цуьнан кІант ЯхІу-Яхин керла паччахь хилла дІахІоьттира шен ден метта.
7Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тІом бан кхин ара ца велира, хІунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера Эпрат-хина тІе кхаччалц долу латтанаш дІалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІу-Яхин

 

(2 Шерашкахь 36:9,10)

 

8ЯхІу-Яхинан берхІитта шо кхаьчнера, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхІу-Яхинан ненан цІе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоІ яра. 9ЯхІу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора.
10Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тІеман хьаькамаша, Ярушалайм-гІалина тІе а гІоьртина, цунна го бира. 11ТІаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гІалина тІевеара, шен тІеман хьаькамаша гІалина го бинчу хенахь. 12ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. 13ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. 14Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира.
15Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара.
17Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.

 

ЯхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу

 

(2 Шерашкахь 36:11-23;Ярми-ЯхІу 52:1-3а)

 

18ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІун ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-гІалара Ярми-ЯхІун йоІ яра. 19ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо а, шен да ЯхІу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. 20Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.

 

Ярушалайман йожар

 

(2 Шерашкахь 36:13-21;Ярми-ЯхІу 52:3б-11)

 

25

 

1ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. 2ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. 3Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, дІахІоьттина мацалла гІалин бахархошна даа хІумма а ца дуьсуш чІогІа яра. 4МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. 5ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. 6ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира.

 

Везачу Элан цІа дохор

 

(Ярми-ЯхІу 52:12-33)

 

8Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан ворхІалгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. 10Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 11Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. 12Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.
13Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. 14Цара иштта дІадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. 15Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо, царна чуйогІура богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудутту боганаш а. 16Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна лерина бина ши бІогІам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кІелхІотторгаш а чІогІа еза яра. Оцу хІуманашна дахана долчу цІастанан барам буста а ца лора. 17Цхьана бІогІаман лакхалла берхІитта дол яра. Цу бІогІам тІехь цІестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тІехь цІастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бІогІамна тІехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.

 

ЯхІудхой Бавел-махка дІакхалхор

 

(Ярми-ЯхІу 52:24-27)

 

18Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. 19ГІалахь хІетталц а бисинчарах цо дІавигира тІемалойн хьаькам волу ваьІна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дІаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гІалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 20Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. 21Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.
Иштта яхІудхой шайн махкара йийсаре дІабигира.

 

ЯхІуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхІу

 

(Ярми-ЯхІу 40:7-9;41:1-3)

 

22Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь дитинчу халкъана тІехь куьйгалхо вина дІахІоттийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. 23ТІеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо дІахІоттийна аьлла. ТІаккха уьш МицІпа-гІала бахара Гадал-ЯхІуна тІе. Уьш бара: Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал, Къаьрхьин кІант Йохьан а, натІупатхо волчу Танхьуматан кІант Сари-ЯхІу а, маІхахочун кІант Яъзан-ЯхІу а, церан нах а. 24Гадал-ЯхІус, царна а, церан нахана а хьалха, чІагІо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду».
25Амма шеран ворхІалгІачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цІийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаІан кІентан Натан-ЯхІун кІант ИсмаьІал веара Гадал-ЯхІуна тІе. Цара Гадал-ЯхІуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхІуца цхьаьна МицІпа-гІалахь болу яхІудхой а, хашадхой а байира ИсмаьІала. 26Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц – тІеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дІадедира, шаьш хашадхойх кхерарна.

 

ЯхІу-Яхин набахти чуьра араваккхар

 

(Ярми-ЯхІу 52:31-34)

 

27ЯхІудхойн паччахьо ЯхІу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхІитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дІахІоьттинчу шеран шуьйтталгІачу беттан ткъе ворхІалгІачу дийнахь. 28Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира. 29ЯхІу-Яхинна пурба делира шена тІера тутмакхан духар дІадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хІума йоура цо. 30ЯхІу-Яхин дуьнен чуьра дІаваллалц, хІора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.

 

 

 

1 Шерашкахь

ДІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дІаяздина

 

хьалхара тептар

 

Дешхьалхе

 

Паччахьаллех лаьцна долчу деа тептар тІехь дІаяздина долу гІуллакхаш кхечу кепара дуьйцуш ду дІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна долчу хьалхарчу а, шолгІачу а тептарш тІехь. ДІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна яздина долчу тептарш тІехь дуьйцучу дийцарийн коьрта ши Іалашо хІара ю:
1) Исраилан а, ЯхІудан а пачхьалкхашна бохамаш бина белахь а, къомана Ша йина чІагІо Дала ларъеш хилар а, ЯхІуд-махкахь бехаш болчу нахехула Цо Шен Іалашо кхочушъеш хилар а гайтар. Дауд-паччахьо а, Сулим-паччахьо а динчу сийлахьчу гІуллакхашка а, ЯхІушапти-паччахьо а, Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Юши-ЯхІу-паччахьо а динчу юхаметтахІитторашка а, Далла тешаме бисинчу нахе а хьоьжуш, тептар яздархочо иза чІагІдар.
2) Ярушалайм-гІалахь долчу Делан цІа долчохь Далла гІуллакхдаран схьадалар дийцар а, и гІуллакхдар кхочушдеш болчу динан дайн а, левихойн а низам дийцар а. Сулим-паччахь Делан цІа дугІург велахь а, Дауд-паччахь билггала оцу цІийнан а, цигахь лелош долчу гІуллакхан а кхоллархо хилар гойтуш ду.

 

Адамна тІера ИбрахІимна тІекхаччалц

 

(Доладалар 5:1-32;10:1-32;11:10-26)

 

 

1

 

1Адамах схьабевлла: ШатІа, Энош, 2Къаим, Махьаллал, Ярад, 3ХІанох, Матушалахь, ЛемакІ, 4Нохьа. Ткъа Нохьин кІентий бара: Шима, Хьама, Япат.
5Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. 6Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат[1], ТогІарма. 7Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.
8Хьамин кІентий бара: Хуша, Мисар, ПІатІа, КанаІан. 9Хушин кІентий бара: Себа, Хьавил, СабтІа, РуІман, Сабтехьа. РуІманан кІентий бара: Шеба, Даддан. 10Ткъа Хушин вара Намрад цІе йолуш кІант, иза чІогІа ницкъ болуш кІант вара. 11Мисарх схьабевлла: лудамхой, Іанамхой, лахІабхой, наптухьхой, 12патІрусхой, шайх пІелаштамхой схьабевлла болу каслахІамхой, каптІархой. 13КанаІанан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦІадан, цул тІаьхьа хилла волу Хьета. 14Иштта КанаІанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гІиргІашахой, 15хьаьвихой, Іаьркхахой, синахой, 16арвадихой, цІемархой, хьаматхой.
17Шимин кІентий бара: Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кІентий бара: ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Машах. 18Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар. 19Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ[2] яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилира. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра. 20Якхтанан кІентий бара: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь, 21ХІайдарам, Узал, Дикхалла, 22Іейбал, Абумаил, Шеба, 23Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кІентий бара.
24Ткъа Шимин кІентий хилла: Арпахшад, Селахь, 25Іебар, ПалагІ, Рахьу, 26СерагІ, Нахьир, ТІахьир, 27Ибрам, цуьнан кхин цІе ИбрахІим ю.

 

ИсмаьІалан тІаьхье

 

(Доладалар 25:12-16)

 

28ИбрахІиман кІентий бара: Исхьакх а, ИсмаьІал а. 29Церан тІаьхье иштта яра: ИсмаьІалан дуьххьарлера кІант вара Набуяти, цул тІаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам, 30МишмаІ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма, 31Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьІалан кІентий.
32ИбрахІиман гІарбаш-зудчо Къитурата бина кІентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кІентий бара: Шеба, Даддан. 33Маданин кІентий бара: Іейпа, Іайпар, Хьанах, АвидаІ, ЭлдаІа. Уьш берриш а Къитуратан кІентий бара.

 

Исхьакхан тІаьхье

 

(Доладалар 36:1-19)

 

34ИбрахІиман кІант волчу Исхьакхан кІентий бара: Іесав, Исраил. 35Іесаван кІентий бара: Элипаз, РаІал, ЕІуш, ЯІлам, Кхорахь. 36Элипазан кІентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаІтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаІа цунна Іамалекх винера. 37РаІалан кІентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

 

СеІирах схьабевлла эдомхой

 

(Доладалар 36:20-30)

 

38СеІиран кІентий бара: Лутани, Шубали, ЦІибІон, Іана, Дишон, Эцар, Дишан.
39Лутанин кІентий бара: Хьори, ХІейма. ТамнаІ Лутанин йиша яра.
40Шубалин кІентий бара: Іалиян, Манахьат, Іейбал, Шапи, Онам.
ЦІибІонан кІентий бара: АяхІу, Іана. 41Іанин кІант вара: Дишон. Дишонан кІентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.
42Эцаран кІентий бара: БилхІан, ЗаІван, ЯІакхан.
Дишанан кІентий бара: ІуцІа, Арани.

 

Эдом-мехкан паччахьаш

 

(Доладалар 36:31-43)

 

43Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хІара паччахьаш хиллера:
БеІаран кІант БулаІ. Цуьнан гІалин цІе ДинхІаба яра.
44БулаІ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гІаларчу Зерахьан кІант Ябаб.
45Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.
46Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кІант ХІадад. Муаби-махкахь маданхошна тІехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гІалин цІе Іавит яра.
47ХІадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гІалара Самла.
48Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гІалара Шаул.
49Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Іахбаран кІант БаІал-Хьанан.
50БаІал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХІадад. Цуьнан гІалин цІе ПаІу яра. ХІададан зудчун цІе яра Ма-ХІайтІабал. Иза МезахІабан йоІан Матарадан йоІ яра.
51ХІадад а велла.
Эдом-махкахь хІара баьччанаш а хилла: ТамнаІ, Іаьлви, Етат, 52АхІлибам, Эла, Пинан, 53Кхеназ, Теман, Мубацар, 54Магдаал, Іирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.

 

2

 

ЯхІудан тІаьхье

 

1Исраилан кІентий бара: Раабан, ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул, 2Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар.
3ЯхІудан кІентий бара: Іаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кІант вина хилла канаІанхо йолчу ШуІин йоІа. ЯхІудан дуьххьарлера доьзалхо волу Іаьр Делан бІаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира. 4ЯхІудан несо Тамарас ЯхІудана ши кІант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кІант вара ЯхІудан.
5Парасан кІентий бара: Хьацрани, Хьамал. 6Зерахьан кІентий бара: Зимари, Этан, ХІайман, Калкал, ДарІа. Уьш верриг пхи кІант вара. 7Далла лерина йохо дІакъастийна хІуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тІебаийтина волу Ахари[3] хилла Кармин кІант. 8Этанан кІант вара Іазар-ЯхІу.

 

Дауд-паччахьан схьавалар

 

9Хьацранина бина кІентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб.
10Рамин хилира кІант Іамминадаб. Іамминадабан хилира кІант Нахьшон, ЯхІудан тайпанан баьчча хилла волу. 11Нахьшонан хилира кІант Салма. Салмин хилира кІант БоІаз. 12БоІазан кІант хилира Іабади. Іабадин кІант хилира Юшай.
13Юшайн хилира кІентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгІаниг Абинадаб, кхозлагІниг ШимІа, 14воьалгІаниг Натунаил, пхоьалгІаниг Радай, 15йолхалгІаниг Оцам, ворхІалгІаниг Дауд. 16Церан йижарий бара: Царуят, АбигІал.
Царуятан кхо кІант хилира: Абушай, Йоаб, ІасахІал. 17АбигІала вира кІант Іамасаъ. Іамасаан да вара исмаьІалхо волу ИтІар.

 

Хьацранин тІаьхье

 

18Хьацранин кІентан Килабан зудчо Іазубата йира йоІ Яриат. Цо бина кІентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун. 19Іазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кІант Хьор. 20Хьоран кІант хилира Ури. Урин кІант хилира Бацалиал.
21ТІаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалІадан да волчу Макиран йоІ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кІант Чагуб. 22Чагубан кІант хилира Яир. ГалІад-махкахь ткъе кхоъ гІала яра цуьнан долахь. 23Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гІала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Іаш болу берриш а ГалІадан дех Макирах схьабевллера. 24Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тІаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхІус вира кІант Ашихьур. Цо ТакхоІ-гІала дІахІоттийра.

 

Ярахьмиалан тІаьхье

 

25Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кІентий бара: хьалхарниг Рам, цул тІаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхІу. 26Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цІе Іатрат яра. Иза Онаман нана яра. 27Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кІентий бара: МаІац, Ямин, Іекхар. 28Онаман кІентий бара: Шамай, ЯдаІ. Шамайн кІентий бара: Надаб, Абишур.
29Абишуран зудчун цІе яра Абу-ХІаил. Цо Абишурана бина кІентий бара: Ахьбан, Мовлид. 30Надабан кІентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла. 31Апайман кІант хилира Ишхьи. Ишхьин кІант хилира Шишан. Шишанан – Ахьлай.
32Шамайн вешин ЯдаІан кІентий бара: ИтІар, ЯхІуната. ИтІар, цхьа а бер доцуш, велла. 33ЯхІунатин кІентий бара: ПелатІа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тІаьхье.
34Шишанан, йоІарий бен, кІентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаІ цІе а йолуш, мисархо волу лай вара. 35Шишана шен йоІ оцу ЯрхьаІе маре яхийтира, ткъа цо вира кІант Атай. 36Атайн хилира кІант Ната, ткъа Натин хилира кІант Забад. 37Забадан хилира кІант: Эплал. Эплалан хилира кІант Іабади. 38Іабадин хилира кІант ЯхІу, ткъа ЯхІун хилира кІант Іазар-ЯхІу. 39Іазар-ЯхІун хилира кІант Хьелац. Хьелацан хилира кІант ЭлиІаса. 40ЭлиІасан хилира кІант Сисмай. Сисмайн хилира кІант Шалум. 41Шалуман хилира кІант Якхам-ЯхІу. Якхам-ЯхІун хилира кІант Эли-ШамаІ.

 

Килабан тІаьхье

 

42Ярахьмиалан вешин Килабан масех кІант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаІ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кІант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира. 43Хьевронан хІара кІентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаІ а. 44ШемаІан хилира кІант Рахьам, иза ЙоркхиІаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кІант Шамай. 45Шамайн хилира кІант МаІун, ткъа МаІун Байт-Цуран да хилла.
46Килабан гІарбаш-зудчун цІе Іейпа яра. Иза ХІаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХІаранан хилира кІант Газиз.
47ЯхІдайн кІентий бара: РегІам, Йовтам, Гишан, Пелат, Іейпа, ШаІапа.
48Килабан кхин гІарбаш-зуда а яра. Цуьнан цІе МаІха яра. МаІха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана. 49Иштта ШаІапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаІапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаІан а да.
Килабан йоІ Іахисат яра.
50Килабан тІаьхьенан цІераш хІорш яра:
Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кІант. Хьоран кІентий хилира: Кхиръят-ЯІарим-гІала дІахІоттийна волу Шубали, 51Байтлахам-гІала дІахІоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гІала дІахІоттийна волу Хьарпа.
52Кхиръят-ЯІарим-гІала дІахІоттийначу Шубалих схьабевлира хІаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а. 53Кхиръят-ЯІаримера тукхамаш хІорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраІхой. Царах схьабевлира цорІахой а, эштаулхой а.
54Салмин тІаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натІупатхой, Іатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорІахой, 55иштта ЯІабац-гІалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирІатхой, шимІатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тІаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.

 

3

 

Дауд-паччахьан кІентий

 

1Хьеврон-гІалахь Даудана динчу берийн цІераш хІорш ю:
Даудан дуьххьарлера кІант Амнан израІалхо йолчу АхьнуІмата вина вара.
ШолгІа кІант Даниал кармалхо йолчу АбигІала вина вара.
2КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара.
ВоьалгІа кІант Адан-ЯхІу Хьагата вина вара.
3Даудан пхоьалгІа кІант Шапат-ЯхІу Абиталис вина вара.
ЙолхалгІа кІант ИтраІам ІагІлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра.
4Даудан и ялхе а кІант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхІ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира.
Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. 5Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хІорш ду:
Іамиалан йоІа Бат-ШабаІа диъ бер дира: ШимІа, Шубаб, Ната, Сулим.
6Кхин а исс кІант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуІа, Эли-Пулат, 7НугІахІи, Непаг, ЯпияІ, 8Эли-ШамаІ, ЭлидаІ, Эли-Пулат. 9Уьш берриш а Даудан кІентий бара. ГІарбаш-зударша бина кхин а кІентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.

 

Сулим-паччахьан тІаьхье

 

10Сулиман кІант хилира РахьбуІам. РахьбуІаман кІант хилира Аби-ЯхІу. Цуьнан кІант хилира Аса. Ткъа Асин кІант ЯхІушапти. 11ЯхІушаптин кІант хилира ЯхІурам. ЯхІураман хилира кІант Ахьаз-ЯхІу. Ахьаз-ЯхІун хилира кІант Юаш. 12Юашан кІант хилира Амци-ЯхІу. Іазар-ЯхІу Амци-ЯхІун кІант хилира. Іазар-ЯхІун кІант хилира Йовтам. 13Йовтаман кІант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхІу хилира Ахьазан кІант. Хьузакх-ЯхІун кІант Маннаш хилира. 14Маннашан кІант Амин хилира. Аминан кІант Юши-ЯхІу хилира. 15Юши-ЯхІун кІентий хІорш бара: дуьххьарлера кІант – Йохьан, шолгІаниг – ЯхІу-Якхам, кхозлагІниг – ЦІадукъ-ЯхІу, ткъа воьалгІаниг – Шалум. 16ЯхІу-Якхаман кІентий бара: ЯхІу-Яхин, ЦІадукъ-ЯхІу.

 

ЯхІу-Яхин-паччахьан тІаьхье

 

17Йийсаре дІавигина хиллачу ЯхІу-Яхинан кІентий бара: Шалтаал, 18Малкирам, Пади-ЯхІу, Шаниацар, Якхам-ЯхІу, ХІушмаІ, Надиб-ЯхІу. 19Пади-ЯхІун кІентий бара: Зурбабел, ШамаІи. Зурбабелан кІентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхІу. Шаламат церан йиша хилла. 20Зурбабелан кхин а пхи кІант хилира. Церан цІераш яра: Хьашба, ОхІал, Берех-ЯхІу, Хьасди-ЯхІу, Юшаб-Хьесад.
21Хьанан-ЯхІун кІентий бара: Палти-ЯхІу, ЯшаІ-ЯхІу. Рапи-ЯхІу вара ЯшаІ-ЯхІун кІант. Рапи-ЯхІун кІант вара Арнан. Арнанан кІант вара Іабди-ЯхІу. Шахан-ЯхІу Іабди-ЯхІун кІант вара. 22Шахан-ЯхІун кІант вара ШамІа-ЯхІу. Ткъа ШамІа-ЯхІун кІентий бара: Хьатуш, ИгІал, Баръяхьи, НаІар-ЯхІу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кІентий а, кІентан кІентий а бара. 23НаІар-ЯхІун хилира кІентий: ЭлъюІинай, Хьузакх-ЯхІу, Іазрикхам. Уьш верриг а кхо кІант хилла. 24ЭлъюІинайн кІентий хилира: ХІудав-ЯхІу, Элишуб, Пали-ЯхІу, Іакхуби, Йохьан, Дали-ЯхІу, Іанани. Уьш верриг а ворхІ кІант вара.

 

4

 

ЯхІудан тІаьхье

 

1ЯхІудан хилира хІара кІентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали. 2Шубалин кІант хилира Раи-ЯхІу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кІентий хилира: Ахьумай а, ЛахІда а. Ахьумайн а, ЛахІдин а тІаьхьенех цорІахойн тукхамаш схьадевлира.
3-4Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гІала дІахІоттийна волчу а Хьоран кІентий хІорш бара: ІайтІам, Пенуал, Іезар. ІайтІаман кІентий хІорш бара: ИзраІал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цІе ХІацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гІала дІахІоттийнарг вара. Іезар Хьушат-гІала дІахІоттийнарг вара.
5Ашихьур ТакхоІ-гІала дІахІоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаІран. 6НаІрана бина кІентий хІорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаІранан кІентий бара. 7Хьалиан хІара кІентий хилира: Царати, ЦІохьар, Этнани, 8Къоца.
Къоцин хилира кІентий: Іануб, Цубиба. Къоцин тІаьхьенах схьадевлира ХІаруман кІант волчу Ахьархьилан тукхамаш.
9Ткъа ЯІабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чІогІачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хІара», – аьлла, ЯІабац[4] цІе тиллина хилла цунна. 10ЯІабаца, исраилхойн Деле доІа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» – аьлла. ТІаккха цо деххнарг делира цунна Дала.
11Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кІант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара. 12Эштунан кІентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гІала дІахІоттийра. Уьш Реха-гІалин бахархой бара.
13Кхеназан кІентий хІорш бара: Іотниал, Сари-ЯхІу. Іотниалан кІентий хІорш бара: Хьатати, МаІунутай[5]. 14МаІунутай Іапрун да вара.
Сари-ЯхІу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогІи дІахІоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цІе.
15Епунин кІант волчу Килабан кІентий хІорш бара: Іиру, Эли, НаІам. Элан кІант вара Кхеназ.
16ЯхІалал-Элан кІентий хІорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.
17-18Іезаран кІентий хилла: ИтІар, Мерад, Іайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирІунан йоІ йолу Бит-ЯхІу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хІорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуІа-гІала дІахІоттийра. ЯхІудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хІорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гІала дІахІоттийра, Хьебара – Соха-гІала, Якхутиала – Занухь-гІала.
19Нахьаман йиша йолчу ХІуди-ЯхІун зудчун кІентий хІорш бара: гармихо волчу КъаІилан да а, маІхахо волу ЭштамуІ а.
20ШимІунан хІара кІентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун.
Ишхьин хІара кІентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.

 

Шейлин тІаьхье

 

21ЯхІудан кІант волчу Шейлин кІентий хІорш бара: Лека-гІала дІахІоттийна волу Іаьр, Мареша-гІала дІахІоттийна волу ЛаІда, Байт-АшбаІ-гІалара ветанан кІади деш хилла долу тукхамаш, 22иштта цуьнан тІаьхьенах бара хІорш: Йокхам а, Хузба-гІалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тІера ду.) 23Шейлин кІенташа кхийра пхьегІаш йора. Уьш НатиІам-гІалахь а, Гадира-гІалахь а Іаш бара, паччахьна гІуллакх а деш.

 

ШимІин тІаьхье

 

24ШимІин хІара кІентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул. 25Шаулан хилира кІант Шалум. Шалуман хилира кІант Мибасам. Мибасаман хилира кІант МишмаІ. 26МишмаІан тІаьхье иштта яра: цуьнан хилира кІант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кІант. Закхуран кІант хилира ШамаІи. 27ШамаІин ялхитта кІант а, ялх йоІ а хилира. Ткъа ШамаІин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхІудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаІин тІаьхьенан долу дерриг а тукхам.
28Уьш бехаш бара Беар-ШабаІ а, Мулада а, Хьацар-ШуІал а гІаланашкахь. 29Иштта Балхьат а, Іацам а, Тулад а, 30Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагІ а, 31Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаІрайм а гІаланашкахь а бехира уьш. И гІаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. 32Церан пхи гІала хилла шайн ярташца: ІайтІам, Іейн, Римун, Тухан, Іашун. 33Иштта оцу гІаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаІалт-гІалина тІекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.
34Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхІун кІант Юша, 35Юал, Іасиалан кІентан Сари-ЯхІун кІант Йошби-ЯхІун кІант ЯхІу, 36ЭлъюІинай, ЯІакхуба, Яшухь-ЯхІу, Іаси-ЯхІу, Іадиал, Яшмиал, БенъяхІу, 37ШамІа-ЯхІун кІентан Шимрин кІант волчу а, Яди-ЯхІун кІентан Іалунан кІант волчу ШипаІан кІант волу Зиза а – 38уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара.
Церан тІаьхье чІогІа дебнера. 39Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогІина а тІекхаччалц дІабаханера уьш. 40Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кІеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.
41ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун заманахь, и цІераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маІунхошна а тІелеттера. Цара уьш берриш а хІаллакбина. Таханлерчу денна тІекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хІунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь. 42Ткъа царна юкъара ШимІин тІаьхьенах хилла волу пхи бІе стаг СеІир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхІу, НаІар-ЯхІу, Рапи-ЯхІу, Іузиал. Уьш Ишхьин тІаьхьенах хилла. 43Цигахь дийна бисина болу Іамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.

 

5

 

Раабанан тІаьхье

 

1Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дІавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кІант волчу Юсупан кІенташна дІаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цІе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дІаязйина яц. 2ЯхІуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) 3Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.
4Юалан тІаьхье иштта яра: Юалан кІант хилира ШамІа-ЯхІу, ШамІа-ЯхІун кІант хилира ГІогІ, ГІогІан кІант – ШамаІи, 5ШамаІин кІант – Мика, Микин кІант – Раи-ЯхІу, Раи-ЯхІун кІант – БаІал, 6БаІалан кІант – Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгІат-Пилнасара[6] йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.
7Ткъа Баиран вежарий, церан тукхамашка а, церан схьабовларе а хьаьжжина, иштта дІаязбина бу: коьртаниг ЯІиал хилла, ткъа цул тІаьхьа Закри-ЯхІу а, 8БулаІ а. БулаІ вара Юалан кІант волчу ШемаІан кІентан Азазан кІант. Раабанхой бехаш бара ІаруІер-гІалара дуьйна Набу а, БаІал-МаІун а гІаланашна тІекхаччалц йолчу меттигашкахь. 9Малхбалехь, Эпрат-хина тІекхаччалц йолчу яьссачу аренан йисте кхочучу меттигашкахь, баха охьахевшира уьш, хІунда аьлча ГалІад-махкахь церан даьхни чІогІа дебнера.
10Шаула паччахьалла дечу заманахь раабанхой хІагирхошца тІом беш бара. ХІагирхой эша а бина, ГалІад-мехкан малхбалехьарчу ерриге а меттигашкахь церан четарш чохь баха охьахевшинера уьш.

 

Гадин тІаьхье

 

11Ткъа Гадин тІаьхье ехаш яра раабанхошна къилбаседехьа агІор йолчу Салха-гІалина тІекхаччалц болчу Башан-махкахь. 12Башан-махкахь коьртаниг Юал вара, шолгІаниг – Шапами, царал тІаьхьа ЯІнай а, Шапти а. 13Церан доьзалшка хьаьжжина, хІара бархІ вара церан гергара: Микаал, Машулим, ШебаІ, Юрай, ЯІакхан, ЗиІа, Іебар. 14Уьш Абу-Хьаилан тІаьхьенах берш бара. Ткъа Абу-Хьаил вара Хьурин кІант, Хьури вара Ярухьин кІант, Ярухь вара ГалІадан кІант, ГалІад вара Микаалан кІант, Микаал вара Яшишайн кІант, Яшишай вара ЯхІдун кІант, ЯхІду вара Бузин кІант. 15Гунин кІентан Іабдиалан кІант Ахьи церан доьзалан коьртаниг вара. 16Уьш бара ГалІадехь а, Башанехь а цуьнца йоьзна йолчу гІаланашкахь а, иштта Шарон-аре чекхъяллалц йолчу массо а дежийлаш йолчохь а бехаш. 17(Оцу тІаьхьенах болчу массеран а цІераш дІаязйина хилла яхІудхойн паччахь Йовтам а, исраилхойн паччахь ЯрбаІам хиллачу заманахь.)

 

Малхбалехьарчу тайпанийн эскарш

 

18Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаІад кхосса а хууш, лата Іамийна а, тІом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхІ бІе кхузткъа эскархо. 19Цара хІагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тІом бира. 20Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера. 21Оцу тІемалоша церан даьхни шайна дІаийцира. Цу юкъахь яра шовзткъе итт эзар эмкал а, ши бІе шовзткъе итт эзар уьстагІ а, газа а, ши эзар вир а, цхьа бІе эзар адам а. 22И тІом Делера болу дела, дукха адам хІаллакьхиллера. Ткъа и тІемалой шайн халкъаца исраилхой йийсаре дІабиггалц бехаш Іийра цу махкахь, хІаллакбинчеран метта.

 

Малхбалехьа ехаш хилла йолу Маннашан ахтайпанан тІаьхье

 

23Маннашан ахтайпанан тІаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаІал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тІекхаччалц болчу махкахь. Уьш чІогІа дукха бара. 24Церан доьзалийн баьччанаш хІорш бара: Іайпар, Ишхьи, Элиал, Іазриал, Ярми-ЯхІу, ХІудав-ЯхІу, ЯхІдиал. Уьш бара майра тІемалой, цІеяхна нах, шайн доьзалийн баьччанаш.

 

Малхбалехьара тайпанаш йийсаре дигар

 

25Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дІалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тІаьхьа а хІиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш. 26ТІаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПІулин (иза ТигІлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тІаьхье а йийсаре дІайигийтира. Уьш Хьалахь-гІала а, Хьабур а, ХІари а цІераш йолчу меттигашка а, Газун-гІалин хин йисте а дІабигира. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.

 

6

 

Левин тІаьхье

 

1Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. 2КхахІатан кІентий хІорш бара: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал.
3Іамраман бераш хІорш дара: АхІарон, Муса, Марем.
АхІаронан кІентий хІорш бара: Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар.
4ЭлиІазаран хилира кІант Пайнехьас. АбишуІ Пайнехьасан кІант вара. 5АбишуІан кІант вара Букхай. Букхайн кІант вара Іузи. 6Іузин кІант вара Зарахь-ЯхІу. Зарахь-ЯхІун кІант вара Маръюти. 7Маръютин вара кІант Амар-ЯхІу. Амар-ЯхІун кІант вара Ахьтуби. 8Ахьтубин кІант вара ЦІадукъа. ЦІадукъин кІант вара АхьимаІац. 9АхьимаІацан кІант вара Іазар-ЯхІу, ткъа Іазар-ЯхІун кІант вара Йохьан. 10Йохьанан кІант вара Іазар-ЯхІу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дІахІоттийначу Делан цІа чохь динан да. 11Іазар-ЯхІун кІант вара Амар-ЯхІу, ткъа Амар-ЯхІун кІант вара Ахьтуби. 12Ахьтубин кІант вара ЦІадукъа, ткъа ЦІадукъин кІант вара Шалум. 13Шалуман кІант вара Хьалкхи-ЯхІу, ткъа Хьалкхи-ЯхІун кІант вара Іазар-ЯхІу. 14Іазар-ЯхІун кІант вара Сари-ЯхІу, ткъа Сари-ЯхІун кІант вара ЯхІу-ЦІадакъа. 15Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а бахархой йийсаре дІабигийтинчу хенахь, ЯхІу-ЦІадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара.

 

Левин кхийолу тІаьхье

 

16Иштта Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. 17ХІорш ю ГІиршанан кІентийн цІераш: Ливани, ШамаІи. 18КхахІатан кІентий хІорш бара: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал. 19Мерарин кІентий хІорш бара: Махьли, Мушхьи.
Левин тІаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хІорш ду: 20ГІиршанан тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара Ливани. Ливанин кІант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кІант. 21Замин кІант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кІант вара Ида. Зерахь Іидун кІант вара. Зерахьан кІант вара Яатрай.
22КхахІатан тІаьхье иштта яра: Іамминадаб цуьнан кІант вара. Кхорахь Іамминадабан кІант вара. Асар Кхорахьан кІант вара. 23Асаран кІант вара Элкхан. Элкханан кІант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кІант вара Асар. 24Асаран кІант вара Тахьат. Тахьатан кІант вара Уриал. Іузи-ЯхІу Уриалан кІант вара. Іузи-ЯхІун кІант Шаул хилла.
25Элкханан кІентий бара Іамсай а, Ахьимут а. 26Ахьимутан кІант вара Элкхана. Элкханан кІант вара Цупай. Цупайн кІант вара Нахьати. 27Нахьатин кІант вара Элиаб. Элиабан кІант вара Ярохьам. Ярохьаман кІант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кІант вара Шамъал.
28Шамъалан кІентий хІорш бара: дуьххьарлерниг – Юал, шолгІаниг – Аби-ЯхІу.
29Мерарин тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара Махьли. Махьлин кІант вара Ливани. Ливанин кІант вара ШамаІи. ШамаІин кІант вара Іуза. 30Іузин кІант вара ШимІа. ШимІин кІант вара Хьаги-ЯхІу. Хьаги-ЯхІун кІант вара Іаси-ЯхІу.

 

Везачу Элан цІийнан зурманчаш

 

31Делан тІорказ дІахІоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цІийнан кертахь Дауда илланчашна тІехь хьаькамаш хІиттийнера. 32Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цІа дІахІоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гІуллакх деш бара уьш. Шайна тІедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара. 33Цигахь шайн тІаьхьенашца гІуллакх динарш хІорш бара:
кхахІатхойн тІаьхьенах зурманча вара ХІайман. Иза Юалан кІант вара, ткъа Шамъалан кІант вара Юал. 34Элкханан кІант вара Шамъал. Ярохьаман кІант вара Элкхан. Элиалан кІант вара Ярохьам. Товхьин кІант вара Элиал. 35Цупин кІант вара Товхьа. Элкханан кІант вара Цупа. Махьатан кІант вара Элкхан. Іамсайн кІант вара Махьат. 36Элкханан кІант вара Іамсай. Юалан кІант вара Элкхан. Юал Іазар-ЯхІун кІант вара. Іазар-ЯхІу вара Цапни-ЯхІун кІант. 37Цапни-ЯхІу Тахьатан кІант вара. Тахьат Асаран кІант вара. Асар вара Аби-Асин кІант. Аби-Аса вара Кхорахьан кІант. 38Кхорахь Ицхьаран кІант вара. Ицхьар вара КхахІатан кІант. КхахІат Левин кІант вара. Леви Исраилан кІант вара.
39ХІайманна аьтту агІор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гІуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхІун кІант. Берех-ЯхІу ШимІин кІант вара. 40ШимІа Микаалан кІант вара. Микаал БаІас-ЯхІун кІант вара. БаІас-ЯхІу вара Малки-ЯхІун кІант. 41Малки-ЯхІу вара Этанин кІант. Этани вара Зерахьан кІант. Зерахь вара Іади-ЯхІун кІант. 42Іади-ЯхІу вара Этанан кІант. Этан вара Замин кІант. Зами вара ШамаІин кІант. 43ШимІа вара Яхьатан кІант. Яхьат вара ГІиршанан кІант. ГІиршан вара Левин кІант.
44ХІайманна аьрру агІор а лаьтташ, зурманчин гІуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тІаьхьенах волчу Кхишин кІанта Этана. Кхиши Іабдин кІант вара. Іабди вара Малукан кІант. 45Малук Хьашби-ЯхІун кІант вара. Хьашби-ЯхІу вара Амци-ЯхІун кІант. Амци-ЯхІу вара Хьалкхи-ЯхІун кІант. 46Хьалкхи-ЯхІу вара Амцин кІант. Амци вара Банин кІант. Бани Шемаран кІант вара. 47Шемар вара Махьлин кІант. Махьли Мушхьин кІант вара. Мушхьи Мерарин кІант вара. Ткъа Мерари Левин кІант вара.
48Церан вежарий болу левихой дІахІиттийнера Делан цІа долчу четарца доьзна долу цхьацца гІуллакхаш дан.

 

АхІаронан тІаьхье

 

49АхІарон а, цуьнан тІаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хІуманаш ягоран а кхерчашна тІехь сагІа доккхурш бара. Иштта, царна тІедехкина дара Везачу Элан цІийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тІедиллина ма-хиллара. 50АхІаронан тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара ЭлиІазар. ЭлиІазаран кІант вара Пайнехьас. АбишуІ вара Пайнехьасан кІант. 51АбишуІан кІант Букхай вара. Іузи Букхайн кІант вара. Зарахь-ЯхІу Іузин кІант вара. 52Зарахь-ЯхІун кІант вара Маръюти. Маръютин кІант вара Амар-ЯхІу. Ахьтуби вара Амар-ЯхІун кІант. 53ЦІадукъа Ахьтубин кІант вара. ЦІадукъин кІант вара АхьимаІац.

 

Левихой баьхна меттигаш

 

54Шайн меттаметташкахь левихой Іаш хилла меттигаш хІорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахІатхойн тукхамах схьаяьллачу АхІаронан тІаьхьенна 55еллера ЯхІуд-махкара Хьеврон-гІала а, цунна гонах долу дежийлаш а. 56Ткъа оцу гІалина чудогІуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кІантана Килабана дІаеллера. 57Иштта, АхІаронан тІаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гІала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гІала а, ЭштамуІ-гІала а, цунна гонах долу дежийлаш а, 58Хьилаз-гІала а, Дибар-гІала а, царна гонах долу дежийлаш а, 59Іашун, Байт-Шамаш гІаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а. 60Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахІатхошна еллера: ГибаІ-гІала, Іаламат-гІала, Іанатот-гІала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гІаланаш ерриг а кхойтта хилла. 61КхахІатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тІаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гІала еллера.
62ГІиршанан тІаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанийн а, Башанерачу Маннашан ахтайпанан а латтанаш тІера кхойтта гІала еллера. 63Мерарин тІаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тІера шийтта гІала еллера. 64Иштта гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш долу латта а деллера левихошна исраилхоша. 65Кхаж а баьлла, ЯхІудан а, ШимІин а, Бен-Яманан а тайпанийн латтанаш тІера массо а цІераш техкина йолу гІаланаш еллера цара.
66Ткъа кхахІатхойн тІаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гІаланаш еллера. 67Царна еллера Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гІала яра), ГІазар-гІала а, церан дежийлаш а. 68Иштта ЯкхмаІам-гІала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а, 69Айлон а, Гати-Римун а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. 70Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахІатхойн йисинчу тукхамашна еллера Іанури-гІала а, БалиІам-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
71ГІиршанан тІаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тІера Башанехь йолу Голан-гІала а, Іаштарат-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
72Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 73иштта Рамат а, Іанейм а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
74Ашаран тайпанан лаьтта тІера царна еллера Машал а, Іабдани а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 75иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
76Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гІала а, Хьамун-гІала а, Кхиръятим-гІала а, царна гонахара дежийлаш а.
77Левихойх йисина йолчу Мерарин тІаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тІера Римун а, Табур а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
78Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гІалина дуьхьал агІор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тІера еллера яьссачу аренгара Бацар-гІала а, ЯхІац-гІала а, царна гонахара дежийлаш а, 79Кхадимут а, МейпаІат а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
80Гадин тайпанан лаьтта тІера еллера ГалІад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а, 81иштта Хьешбон а, ЯІзир а гІаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

 

7

 

Иссарханан тІаьхье

 

1Иссарханан виъ кІант вара: ТовлаІ, Пува, Яшаб, Шимрон.
2ТовлаІан кІентий хІорш бара: Іузи, Рапи-ЯхІу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тІаьхьенашна юкъахь ницкъболу тІемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тІамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бІе стаг хилла (22600).
3Іузин кІант вара Израхь-ЯхІу. Ткъа Израхь-ЯхІун кІентий бара: Микаал, Іабди-ЯхІу, Юал, Йоши-ЯхІу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара. 4Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тІаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тІамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000).
5Ткъа Иссарханан массо а тІаьхьенийн доьзалш дІаязбечу тептарш тІехь дІаязвинера дика тІемало волу везткъе ворхІ эзар стаг (87000).

 

Бен-Яманан тІаьхье

 

6Бен-Яманан кхо кІант вара: БулаІ, Бахри, ЕдиІаал.
7БулаІан пхи кІант вара: Эцбон, Іузи, Іузиал, Еримати, Іири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тІемалой бара. ТІаьхьенийн доьзалш дІаязбечу тептарш тІехь царах дІаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тІемало (22034).
8Бахрин кІентий хІорш бара: Замари, Юаш, ЭлиІазар, ЭлъюІинай, Іумари, Еримати, Аби-ЯхІу, Іанатот, Іаламат. Уьш берриш а Бахрин кІентий бара. 9ТІаьхьенийн доьзалш дІаязбечу тептарш тІехь царах дІаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бІе тІемало а (20200).
10ЕдиІаалан кІант вара БилхІан. Цуьнан кІентий хІорш бара: ЕІуш, Бен-Яман, АхІуд, КинаІан, Зитани, Таршаш, Ахьи-Шахьар. 11ЕдиІаалан массо а кІентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тІаьхьенашна юкъахь тІамана кийча волу вуьрхІитта эзар ши бІе дика тІемало вара (17200). 12Шупайм а, Хьупим а бара Іирин кІентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кІант вара.

 

Напталан тІаьхье

 

13Балхьатан кІант волчу Напталан кІентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум.

 

Маннашан тІаьхье

 

14Маннашан кІентий бара: арамхо йолчу гІарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалІадан да Макир а. 15Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цІе МаІха яра. ШолгІачу кІентан цІе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоІарий бен ца хилла.
16Макиран зудчо МаІхас, кІант а вина, цуьнан цІе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кІентий бара: Улам, Рекхам. 17Уламан кІант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кІентан Макиран кІант волчу ГалІадан кІентий.
18Цуьнан йишас Мулката а бира кІентий: ИшхІуд, Абу-Іезар, Махьила. 19ШамидаІан кІентий хІорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнІами.

 

Эпрайман тІаьхье

 

20Эпрайман тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара Шутлахьи. Шутлахьин кІант вара Баред. Баредан кІант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кІант вара Эли-Іада. Эли-Іадин а кІант хилира Тахьат. 21Цу Тахьатан кІант вара Забад. Забадан кІант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кІант вара: Іезар, ЭлиІад. Гати-гІалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Іезар а, ЭлиІад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича. 22Церан дас Эпрайма, шен кІенташна воьлхуш, гІайгІанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тІе а богІий, тевеш хилла иза. 23ТІаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тІаьхьа, зудчо цунна кІант вира. Эпрайма цунна, БериІ аьлла, цІе тиллира (Іебархойн маттахь и цІе «бохам» бохучух тера ю), шен цІенна бохам тІебеана хилла дела.
24Шаират цІе йолуш, йоІ а яра Эпрайман. Шаирата дІахІоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гІаланаш а, иштта Узан-Шаира цІе йолу гІала а.
25Эпрайман кІант вара Репахь. Решап Репахьан кІант вара. Тилхьа вара Решапан кІант. Тилхьин кІант вара Тахьан. 26Тахьанан кІант вара ЛаІдан. ЛаІданан кІант вара ІамихІуд. Эли-ШамаІ вара ІамихІудан кІант. 27ЭлишамаІан кІант вара Нуна. Ткъа Нунин кІант вара ЮшаІ.
28Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хІорш яра: Бетал-гІала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаІран-гІала а, малхбузехьа йолу ГІазар-гІала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гІала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Іайи-гІалина тІекхаччалц.
29Ткъа Маннашан тІаьхьенах болчийн долахь яра хІара гІаланаш: Байт-Шеан, ТаІнак, МагІидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ.
Цу гІаланашкахь ехаш яра Исраилан кІентан Юсупан тІаьхье.

 

Ашаран тІаьхье

 

30Ашаран кІентий хІорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериІ. Церан йиша яра Серахь.
31БериІан кІентий хІорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дІахІоттийра Бирзайт-гІала.)
32Хьебаран кІентий хІорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуІа яра.
33Яплатин кІентий хІорш бара: Пасак, БимхІали, Іашвати. Уьш бара Яплатин кІентий.
34Яплатин вешин Шумаран кІентий хІорш бара: РухІаги, Хьуба, Арам.
35Яплатин вешин ХІалиман кІентий хІорш бара: Цупахьи, ИмнаІ, Шелша, Іамла.
36Цупахьин кІентий хІорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуІал, Бирай, Имари, 37Бацар, ХІуда, Шама, Шилша, Итран, Баира.
38ИтІаран кІентий хІорш бара: Епуни, Писапи, Ари. 39Іулин кІентий хІорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхІу.
40Ашаран тІаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тІемалой бара. Эскархойн цІераш дІаязъечу тептар тІехь оцу тІаьхьенах тІамана кийча дІаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000).

 

8

 

Бен-Яманан тІаьхье

 

1Бен-Яманан дуьххьарлера кІант вара БулаІ, шолгІаниг – Ашбели, ткъа кхозлагІниг – Ахьарахьи. 2Цуьнан воьалгІа кІант вара Нухьа, пхоьалгІаниг – Рапа.
3БулаІан кІентий хІорш бара: Адар, Гери, АбихІуд[7], 4АбишуІ, НаІаман, Ахьохь, 5Гери, Шапупан, Хьурам.
6Ахьудан тІаьхье хІара яра (ГибаІ-гІалара Манахьат-гІала дІабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш): 7НаІаман, АхьъяхІу, Гери. Гери ву уьш кхечу гІала баха дІабигина хилларг. Герин кІентий бара Іузи а, АхьъяхІуд а.
8Хьушим а, БаІарат а цІераш йолу шен зударий дІа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кІентий хилира. 9Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кІентий: Ябаб, Цивъя, МешаІ, Малкам, 10ЯІуца, Шахи-ЯхІу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кІентий бара.
11Хьушима цунна бина кІентий хІорш бара: Абитуб, Эли-ПаІал.
12Эли-ПаІалан кІентий хІорш бара: Іебар, МишиІам, Шемад. Шемада дІахІоттийра Овну а, Лодди а гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а.
13Иштта БериІ а, ШемаІ а Айлон-гІаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гІалара бахархой дІалелхийнера. 14Ахьъю, Шашакх, Еримати, 15Забди-ЯхІу, Іарод, Іедар, 16Микаал, Ишпа, Йохьа – уьш берриш а БериІан кІентий бара.
17Забди-ЯхІу, Машулим, Хьузакх, Хьебар, 18Ишмарай, Изли-ЯхІу, Ябаб – Эли-ПаІалан кІентий бара.
19Якъим, Зикра, Завади, 20Эли-Іенай, Цилтай, Элиал, 21Іади-ЯхІу, Бира-ЯхІу, Шимрати бара ШамаІин кІентий.
22Ишпани, Іебар, Элиал, 23Іабдани, Зикра, Хьанан, 24Хьанан-ЯхІу, Іейлам, Іантут-ЯхІу, 25Ипад-ЯхІу, Пенуал бара Шашакхан кІентий.
26Шамширай, Шахьар-ЯхІу, Іатал-ЯхІу, 27ЯІриш-ЯхІу, Эли-ЯхІу, Зикра бара Ярохьаман кІентий.
28Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цІераш дІаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.
29Ткъа ГавІон-гІалахь вехаш вара ГавІон-гІала дІахІоттийна волу ЯІиал[8]. Цуьнан зудчун цІе МаІха яра. 30ЯІиалан дуьххьарлера кІант Іабдани вара. Цул тІаьхьа хилира Цура, Къуша, БаІал, Нер[9], Надаб, 31Гадур, Ахьъю, Захир, 32Микхлут. Микхлутан кІант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

 

Шаул-паччахьан тукхам

 

33Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал[10] а бара Шаулан кІентий. 34ЯхІунатин кІант вара Мариб-БаІал[11]. Ткъа Мариб-БаІалан кІант вара Мика.
35Микин кІентий хІорш бара: Питун, Малик, ТаираІ, Ахьаз. 36ЯхІу-Іада Ахьазан кІант вара. ЯхІу-Іадин кІентий бара Іаламат, Іазмават, Зимари. Зимарин кІант вара Муца. 37Муцин кІант вара БинІа. Цуьнан кІант вара Репа. Репин кІант вара ЭлиІаса. Ацала ЭлиІасан кІант вара.
38Ацалин ялх кІант вара. Церан цІераш хІорш яра: Іазрикхам, Бохру, ИсмаьІал, ШаІар-ЯхІу, Іабди-ЯхІу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кІентий бара. 39Ацалин вешин Іешакхан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера кІант Улам, шолгІаниг ЕІуш, ткъа кхозлагІниг Эли-Пулат.
40Уламан кІентий, секхаІодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тІемалой бара. Церан дуккха а кІентий а, кІентийн кІентий а хилира. Уьш цхьа бІе шовзткъе итт стаг вара.
Кхузахь дІаязбина болу берриш а Бен-Яманан тІаьхьенах схьабевллера.

 

9

 

Йийсарера юхадирзина халкъ

 

1Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дІаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тІе.
Ткъа яхІудхой Бавел-махка дІабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна. 2Йийсарера юха а бирзина, шайн гІаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. 3Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхІудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тІаьхьенашкара цхьаболу нах.
4ЯхІудан кІентан Парасан тІаьхьенах цигахь вара: Іутай. Иза вара ІамихІудан кІант. ІамихІуд вара Іумарин кІант. Іумари вара Имарин кІант. Ткъа Имари вара Банин кІант. 5Шилунан тІаьхьенах цигахь хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Іаси-ЯхІу а, цуьнан кІентий а. 6Зерахьан тІаьхьенах вара ЯІуал а, цуьнан вежарий а.
ЯхІудан тІаьхьенах верг верриг а ялх бІе везткъе итт стаг вара (690).
7Бен-Яманан тІаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хІорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кІант, ткъа Машулим вара ХІудав-ЯхІун кІант, ткъа иза вара ХІасинуан кІант), 8Ярохьаман кІант волу Ибна-ЯхІу, Махрин кІентан Іузин кІант волу Эла, Ибни-ЯхІун кІант волчу РаІалан кІентан Шапат-ЯхІун кІант Машулим.
9Церан тукхамашкахь исс бІе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара.

 

Ярушалаймехь баьхна болу динан дай

 

10Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хІорш бара: Яди-ЯхІу, ЯхІу-Яриб, Якин, 11Делан цІенна тІехь хьаькам волу Іазар-ЯхІу (иза вара Хьалкхи-ЯхІун кІант, Хьалкхи-ЯхІу вара Машулиман кІант, Машулим вара ЦІадукъин кІант, ЦІадукъа вара Маръютин кІант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кІант), 12Іади-ЯхІу (иза вара Ярохьаман кІант, Ярохьам вара Пашихьуран кІант, Пашихьур вара Малки-ЯхІун кІант), МаІсай (иза вара Іадиалан кІант, Іадиал вара Яхьзарин кІант, Яхьзари вара Машулиман кІант, Машулим вара Мишламатин кІант, ткъа Мишламати вара Амиран кІант).
13Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тІедиллина дара Делан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш кхочушдар.

 

Ярушалаймехь баьхна болу левихой

 

14Левихойх цигахь бехаш хІорш бара: ШамІа-ЯхІу (иза вара Хьашубин кІант, Хьашуби вара Іазрикхаман кІант, Іазрикхам вара Хьашби-ЯхІун кІант, ткъа Хьашби-ЯхІу мерарихойн тІаьхьенах вара), 15Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхІу (иза вара Микин кІант, Мика вара Зикрин кІант, Зикра вара Асайпан кІант), 16Іабди-ЯхІу (иза ШамІа-ЯхІун кІант вара, ШамІа-ЯхІу вара Галалин кІант, Галали вара Ядутунан кІант), иштта Элкханан кІентан Асин кІант Берех-ЯхІу а вара. Иза натІупатхойн ярташкахь вехаш хилла.

 

Делан цІийнан кевнехь хилла гІаролхой

 

17Делан цІийнан кевнехь гІаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хІорш бара: Шалум а, Іакхуби а, ТІулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.) 18Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гІаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гІаролхой а бара.
19Шалума (иза вара Кхурин кІант, Кхура вара Аби-Асин кІант, Аби-Аса вара Кхорахьан кІант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цІийнан неІсагІина уллохь гІарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гІарол деш ма-хиллара. 20ЭлиІазаран кІант Пайнехьас хиллера хьалха царна тІехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца.
21Делан цІийнан неІарехь гІарол деш вара Мишлам-ЯхІун кІант Закри-ЯхІу.
22НеІаршна чуволлучохь гІарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бІе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цІераш дІаязъечу тептарш тІе дІаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дІахІиттийнера уьш оцу гІуллакхе. 23Уьш а, церан тІаьхьенаш а Везачу Элан цІийнан кевнехь гІарол деш бара (хьалха Везачу Элан цІийнан метта Делан четар дара). 24Оцу цІийнан еа а агІор – малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа – лаьтташ гІаролхой бара. 25Ткъа шайн ярташкахь Іаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тІе а богІуш, цаьрца цхьаьна ворхІ дийнахь гІуллакх дора. 26Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цІенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гІарол дан дІахІиттийна. 27ГІарол дар шайна тІедиллина дела, цара, Делан цІенна гонах дІа а хІуьттуш, буьйсанаш йохура. ХІора Іуьйранна неІарш дІаелла а езара цара.

 

Кхиболу левихой

 

28Левихойх цхьаберш бара динан гІуллакх деш лелош йолчу пхьегІашна тІехьажа дІахІиттийна. И пхьегІаш дІалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла. 29Вукхарна тІедиллина дара Делан цІийнан еза хІуманаш а, кхиболу гІирс а, дама а, чагІар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а Іалашъяр. 30Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогІу хІуманаш цхьаьна эяр кхочушдора.
31Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхІун кара деллера сагІанашна хІуманаш цІера тІехь яттар. 32КхахІатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тІедиллина хилла Далла леринчу хІора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар.
33Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цІийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Іийра. Уьш кхечу гІуллакхех мукъабаьхна бара, хІунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дІакхехьа езара.
34Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цІераш дІаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

 

Шаул-паччахьан дай а, тукхамаш а

 

(1 Шерашкахь 8:29-38)

 

35Ткъа ГавІон-гІалахь вехаш вара и гІала дІахІоттийна волу ЯІиал. Цуьнан зудчун цІе МаІха яра. 36ЯІиалан дуьххьарлера кІант Іабдани вара. Цул тІаьхьа цуьнан хилла кІентий хІорш бара: Цура, Къуша, БаІал, Нер, Надаб, 37Гадур, Ахьъю, Закри-ЯхІу, Микхлут. 38Микхлутан кІант вара Шемами. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.
39Къуша Неран кІант вара. Къушин кІант вара Шаул. ЯхІуната а, МалкишаІ а, Абинадаб а, ЭшбаІал[12] а Шаулан кІентий бара. 40ЯхІунатин кІант вара Мариб-БаІал[13]. Ткъа Мариб-БаІалан кІант вара Мика. 41Микин кІентий бара: Питун, Малик, ТахьраІ, Ахьаз. 42Ахьазан кІант вара ЯІари. ЯІарин кІентий бара Іаламат, Іазмават, Зимари. Зимарин кІант вара Муца. 43Муцин кІант вара БинІа. БинІин кІант вара Рапи-ЯхІу. Рапи-ЯхІун кІант вара ЭлиІаса. Ацала ЭлиІасан кІант вара.
44Ацалин ялх кІант вара. Церан цІераш хІорш яра: Іазрикхам, Бохру, ИсмаьІал, ШаІар-ЯхІу, Іабди-ЯхІу, Хьанан. Уьш Ацалин кІентий бара.

 

Шаул-паччахьан дІакхалхар

 

(Шамъал 31:1-13)

 

10

 

1ПІелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тІом беш бара. ТІаккха и тІом бечу хенахь исраилхой пІелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хІаллакьхилира цу тІамехь. Иза дара ГилбаІ олучу лам тІехь. 2ТІаккха пІелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кІенташна а тІаьхьабевлира. Цу тІамехь цара вийра Шаулан кІентех кхо кІант: ЯхІуната, Абинадаб, МалкишаІ. 3Шаулна гонах болу тІом чІагІбелира. СекхаІад кхоссархоша, Шаул волчу агІор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна. 4ТІаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Іоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пІелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира иза дан. ТІаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тІе вогІавелира Шаул. 5Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тІе а вогІавелла, велира. 6Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан цІийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира. 7ТІаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кІентий а беллий а хиъна, иштта берриг тІемалой дІабовдуш а гина, тогІи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дІасабевдира. Ткъа пІелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира.
8ШолгІачу дийнахь пІелаштамхой беллачарна тІера мехала йолу хІуманаш схьаяха бахара. ГилбаІ-лам тІе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кІентийн а декъий карийра Іохкуш. 9ПІелаштамхоша Шаулан докъана тІера ерриг а хІума схьаяьккхира. ТІаккха докъана тІера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цІушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дІасадаржадайтира цара. 10Цул тІаьхьа пІелаштамхоша Шаулан герз шайн цІуш лаьттачу цІенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагІонан цІийнан чохь ирхъоьллира.
11ГалІад-махкара Явеш олучу гІалара массо адамна хезира пІелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна. 12ТІаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий, дІа а эцна, ГалІадера Явеш-гІала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кІел дІа а доьхкина, ворхІ дийнахь марханаш кхебира.
13Иштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтІахь ца хиларна, хІаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул. 14Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тІехь деш долу олалла Юшайн кІентан Даудан кара дІаделира Цо.

 

Дауд паччахь хилла дІахІоттар

 

(Дауд 5:1-10)

 

11

 

1ТІаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гІала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегІ а, цІий а ду. 2ДІаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тІамехь исраилхой кІелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Іу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».
3ТІаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дІакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.

 

Дауда Ярушалайм дІалоцу

 

4Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гІала олура. Ткъа цигахь Іаш болчу нахах явсайхой олура. 5ТІаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гІали чу вогІур вац хьо».
Амма Дауда дІалецира церан Цийон-гІалин гІап. Оцу меттигах цул тІаьхьа Даудан гІала элира. 6Дауда аьллера: «Уггар хьалха тІе а летта, явсайхой хІаллакбиннарг тІемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву».
ТІаккха Царуятан кІант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тІелетира. Иштта цунах хилира берриг а тІемалойн коьрта хьаькам.
7Дауд цу чІагІйинчу гІали чохь ваха охьахиира, цундела цу гІаланах «Даудан гІала» элира. 8Цу гІалина гонах гобаьккхина гІишлош дІахІиттийра Дауда. Уьш дІахІиттийнера Милло олучу гу тІера дуьйна, гІалина гонах долчу пенашна тІе кхаччалц. Ткъа гІалара важа йолу гІишлош Йоаба тІейинера. 9Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.

 

Даудан уггар майра тІемалой

 

(Дауд 23:8-39)

 

10Иштта Даудан тІемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тІехь долу паччахьалла чІагІдеш бара уьш. 11ТІамехь тІемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цІераш иштта яра:
Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кІант ЯшбаІам. ЯшбаІама цхьана тІеман къовсамехь кхо бІе стаг вийнера шен гоьмукъца.
12Цул тІаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. 13ЭлиІазар вара цкъа Даудаца пІелаштамхой тІом бан тІегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пІелаштамхойх кхера а белла, дІабевддера. 14ЭлиІазара, шен тІемалошца дІа а хІоьттина, и аре ларъеш, тІом бира. Цара толам баьккхира пІелаштамхошна тІехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кІелхьардовлар делира исраилхошна.
15Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тІе а ваьлла, Іадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пІелаштамхой репахойн тогІи олучу меттигехь бара. 16Цу хенахь Дауд шен чІагІонан меттигехь вара, ткъа пІелаштамхошна ха деш болу тІемалой Байтлахам-гІалахь бара. 17Дауд чІогІа хьогах вара. ТІаккха цо элира: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» 18ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 19ТІаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий мер дара ткъа аса?» ХІунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хІума динера оцу майрачу кхаа тІемалочо.
20Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тІемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бІе мостагІа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. 21Оцу кхаанна юкъахь гІараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тІемалочуьнга ца кхочура Абушай.
22ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу шен майраллица а, ша дечу гІуллакхашца а чІогІа гІараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхІус Муаби-махкара гІараваьлла волу ши баьчча[14] вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. 23Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегІ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхІус кхин а. КІади деш йолчу чорхан гІуркх санна, чІогІа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхІус, карахь гІаж а йолуш, мисархочунна тІе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. 24Иштта гІуллакхаш динера ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. И важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вара БенъяхІу а. 25Иза а оцу майрачу ткъе итт тІемалочунна юкъахь гІараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогІура БенъяхІу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийнера БенъяхІу.
26Ткъа коьрта волу ткъе итт тІемало хІара вара:
Йоабан ваша ІасахІал,
Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан,
27ХІарар-гІалара Шамати,
пеланхо волу Хьелац,
28такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира,
Іанатотхо Абу-Іезар,
29хьушатхо волу Субахи,
ахьохьахо Іилай,
30натІупатхо Махьран,
натІупатхо волу БаІнин кІант Хьалид,
31Ребин кІант Ита, бен-яманхойн ГебаІ-гІалара волу,
пІарІатунхо волу БенъяхІу,
32ГаІаш-тогІенашкара Хьурай,
Іарбатера Абуал,
33бахьрумхо Іазмават,
шаІалбанхо Элияхьба,
34гизанхо волчу ХІашеман кІентий,
ШагІин кІант ЯхІуната, хІарархо волу,
35хІарархо волчу Сакаран кІант Ахьиам,
Урин кІант ЭлипІал,
36Махерат-гІалара Хьепар,
пеланхо АхьъяхІу,
37кармалхо волу Хьецари,
Эзбайн кІант НаІрай,
38Натин ваша Юал,
ХІагиран кІант Мибхьар,
39Іамминхо Цалакх,
баировтхо Нахьрай, Царуятан кІентан Йоабан герз лелош верг,
40итархо волу Іира,
итархо ГІараб,
41хьетахо УръяхІу,
Ахьлайн кІант Забад,
42ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тІемалойн
коьртехь волу а Шизин кІант Іадна.
Цуьнан а вара кхин ткъе итт тІемало.
43Кхин а МаІхин кІант Хьанан,
матнахо волу Яшпати,
44Іаштаратхо волу Іуззи,
ІаруІерхо волчу Хьотаман кІентий: ШамаІ, ЯІиал,
45Шимрин кІант ЕдиІаал,
тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа,
46Махьвим-гІалара Элиал,
ЭлнаІаман кІентий Ярибай, Юшав-ЯхІу,
иштта муабахо волу Итма,
47мецабайхой болу Элиал, Іабади, ЯІсаал.

 

 

12

 

Даудехьа бевллачех дуьххьарлернаш

 

1Дауд Къушин кІантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагІ-гІала баьхкинарш хІорш бу (тІамехь Даудана гІо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш, 2Бен-Яманан тІаьхьенах а болуш, карахь секхаІедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш):
3царах коьртаниг волу АхьиІазар а, иштта ЮІаш а (уьш бара гебаІхо волчу ШемаІин кІентий);
Іазмаватан кІентий Язиал, Пелат;
Барха а, Іанатотхо ЯхІу а;
4ткъе итт тІемалочунна тІехь хьаькам а волуш, царна юкъахь доьналла хиларца къаьстина хилла волу гавІонхо ИшмаІ-ЯхІу;
Ярми-ЯхІу, Яхьазиал, Йохьан, гадирахо волу Юзабди,
5Эли-Іузай, Еримати, БаІал-ЯхІу, Шамар-ЯхІу, хьарупхо волу Шапат-ЯхІу;
6кхорахьахой болу Элкхан, Йиши-ЯхІу, Іазариал, ЮІзар, ЯшбаІам;
7гадурхочун Ярохьаман кІентий болу ЮІела, Забди-ЯхІу.

 

Гадин тайпанах болу Даудехьа бевлларш

 

8Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чІагІоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тІом бан кийча болу тІемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара. 9Царах коьртаниг – Эзар, шолгІаниг – Іабди-ЯхІу, кхозлагІниг – Элиаб, 10воьалгІаниг – Мишмана, пхоьалгІаниг – Ярми-ЯхІу, 11йолхалгІаниг – Атай, ворхІалгІаниг – Элиал, 12борхІалгІаниг – Йохьанан, уьссалгІаниг Эли-Забда, 13уьтталгІаниг – Ярми-ЯхІу, цхьайтталгІаниг – Махбанай вара.
14Гадахойх болу уьш тІеман хьаькамаш бара: лахарниг – бІе тІемалочунна тІехь, ткъа лакхарниг – эзарна тІехь. 15Уьш бара Йордан-хи дистина догІуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогІи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дІалелхийнарш.

 

Бен-Яманан а, ЯхІудан а тайпанашкара болу Даудехьа бевлла нах

 

16Иштта, Даудан чІагІонна тІе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхІудан а тІаьхьенах болу нах. 17Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гІо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагІийн кара со дІавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цІена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».
18Ткъе итт тІемалочунна тІехь хьаькам волчу Іамсайна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха цо элира:
«Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд,
хьоьца ду тхо, Юшайн кІант!
Боккха машар хуьлда хьуна,
машар хуьлда хьан гІоьнчашна а,
хІунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву».
Дауда уьш, тІе а эцна, эскаран коьрте дІахІиттийра.

 

Маннашан тайпанах болу Даудехьа бевлла нах

 

19Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пІелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тІом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пІелаштамхошна гІо ца дина, хІунда аьлча пІелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дІавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».) 20Дауд ЦакхелагІе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хІорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиІаал, Микаал, Юзабди, ЭлихІу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тІехь болу хьаькамаш бара. 21Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гІо дора Даудана, хІунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь. 22ХІора дийнахь Даудана гІо дан нах тІеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чІогІа алсамделира цуьнан эскар.

 

Даудан эскар

 

23Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дІаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тІемалойн тобанийн барамаш иштта бу:
24ЯхІудан тІаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тІамана кийча волу ялх эзар бархІ бІе стаг (6800);
25ШимІин тІаьхьенах доьналла долуш волу ворхІ эзар цхьа бІе тІемало (7100);
26Левихойн тІаьхьенах – виъ эзар ялх бІе стаг (4600);
27АхІаронан тукхаман баьчча волу ЯхІу-ЯдаІа а, цуьнца волу кхо эзар ворхІ бІе стаг а (3700);
28Майра къонах волу тІемало ЦІадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;
29Бен-Яманан тІаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хІетталц Шаулан цІенна тешаме биснера);
30Эпрайман тІаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цІе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархІ бІе стаг (20800);
31Маннашан ахтайпанах берхІитта эзар (18000) стаг (уьш хІорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дІа а бахана, иза паччахь дІахІоттавайтархьама);
32Иссарханан тІаьхьенах волу ши бІе баьчча а, царна муьтІахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара);
33Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тІамана кийча волу а, Даудана гІо дарна тІехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000);
34Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхІитта эзар тІемало а (37000);
35Данан тайпанах тІамана кийча волу ткъе бархІ эзар ялх бІе стаг (28600);
36Ашаран тІаьхьенах тІамана кийча волу шовзткъа эзар тІемало (40000);
37Йордан-хина дехьа агІор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бІе ткъа эзар стаг (120000).
38ТІамана кечвина волу массо а тІемало доггах веара Хьеврон-гІала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь дІахІотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дІахІотторна тІехь. 39Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хІунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна. 40Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тІехь, эмкалш тІехь, бІарзанаш тІехь, стерчаш тІехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагІар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хІунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.

 

Бертан тІорказ Кхиръят-ЯІаримера дІадахьар

 

(Дауд 6:1-11)

 

13

 

1Массо а баьччанех – эзарна тІехь болчу хьаькамех а, бІенна тІехь болчу хьаькамех а – дагавелира Дауд. 2Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гІаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тІе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла. 3Вай вешан Делан тІорказ схьадахьар ду, хІунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура». 4Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХІунда аьлча массо а халкъана и гІуллакх нийса хийтира.
5Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Іинна тІе кхаччалц, Кхиръят-ЯІаримера Делан тІорказ схьадархьама. 6Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала (и ю Кхиръят-ЯІарим-гІала) дахара, Делан тІорказ цигара схьадан. (Цу тІорказца йоьзна ю Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг.) 7Иштта Делан тІорказ, керлачу ворданна тІе а диллина, Абинадабан цІера дІадаьхьира. Іузий, Ахьъюй и ворда лелош вара. 8Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.
9Уьш Кидунан хьаьтта дІакхаьчча, Іузас, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалецира, стерчаша иза агІордаьккхина дела. 10Амма Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Іузина. Везачу Эло Іуза вийра, цо, куьг дІа а кховдийна, Делан тІорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира. 11ТІаккха Дауд чІогІа оьгІазвахара, Везачу Эло Іузина тохар бахьана долуш. И меттиг хІинца а «Парас Іуза» олуш ю (иза «Іузина тохар» бохург ду).
12Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дІахьур ду аса Делан тІорказ?» 13Иштта, и тІорказ ша волчу, Даудан гІала, дІа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Іабади-Эдоман цІа дІадаьхьира. 14Кхаа баттахь лаьттира Делан тІорказ Іабади-Эдоман цІахь. Іабади-Эдоман цІа а, цуьнан мел йолу хІума а Везачу Эло декъалйира.

 

Дауда Ярушалаймехь дина гІуллакхаш

 

(Дауд 5:11-16)

 

14

 

1Цора-гІалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тІе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тІулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цІа дайтархьама. 2ТІаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чІагІвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чІогІа айинийла а.
3Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кІентий а, йоІарий а хилира цуьнан. 4Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, 5Ибхьар, Эли-ШуІа, Эли-Палати 6НугІахІи, Непаг, ЯпияІ, 7Эли-ШамаІ, БаІал-ЯдаІ[15], Эли-Пулат.

 

ПІелаштамхошна тІехь толам баккхар

 

(Дауд 5:17-25)

 

8ПІелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь хила къобалвинийла дІахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. 9Ткъа пІелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогІи чохь нахана тІелетира. 10ТІаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пІелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла.
Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дІалур бу», – аьлла.
11Уьш БаІал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пІелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тІедогІучу хино санна, Везачу Эло дІабехира сан мостагІий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаІал-Паруцим аьлла, цІе тиллира (иза «хи тІедаларан олахо» бохург ду). 12ПІелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цІергахь багабайтира.
13Юха а пІелаштамхой, баьхкина, тогІи чохь болчу нахана тІелетира. 14Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТІехьахула тІе а гІой, комарийн дитташ долчу агІор царна тІелата. 15Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дІавоьдуш санна, гІовгІа хазахь, тІом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пІелаштамхойн эскар хІаллакдан воьдийла». 16Дауда Везачу Эло шена тІедиллинарг кхочушдира. Цара пІелаштамхойн эскар ГавІон-гІалара дуьйна ГІазар-гІалина тІекхаччалц хІаллакдира. 17Иштта, массо а мехкашкахула цІе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дІахІиттийна хилла Везачу Эло.

 

15

 

Бертан тІорказ схьаэцарна бина кечам

 

1«Даудан гІалахь» шена цІенош дайтира Дауда. ТІаккха цо, Делан тІорказ дІахІотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дІахІоттийра. 2Цул тІаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тІорказ, хІунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тІорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гІуллакх дайта а». 3Везачу Элан тІорказ ша кечйинчу метте дІадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда. 4АхІаронан тІаьхье а, левихой а шена тІекхайкхира цо. Уьш хІорш бара: 5кхахІатхойн тІаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бІе ткъа стаг а (120); 6мерарихойн тІаьхьенан баьчча хилла волу Іаси-ЯхІу а, цуьнца царах волу ши бІе ткъа стаг а (220); 7гІиршанхойн тІаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бІе ткъе итт стаг а (130); 8эли-цапанхойн тІаьхьенан баьчча хилла волу ШамІа-ЯхІу а, цуьнца царах волу ши бІе стаг а (200); 9хьевронхойн тІаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80); 10Іузиалхойн тІаьхьенан баьчча хилла волу Іамминадаб а, цуьнца царах цхьа бІе шийтта стаг а (112).
11Иштта Дауда шена тІе кхайкхира динан дай ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а, ткъа левихойх – Уриал, Іаси-ЯхІу, Юал, ШамІа-ЯхІу, Элиал, Іамминадаб. 12Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цІан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тІорказ схьа а да. Аса дІахІотто кечйинчу метте дІахІоттаде иза. 13Левихой долчу аша дуьххьара Делан тІорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чІогІа оьгІазвахара. И гІуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах».
14ТІаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тІорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цІанбелира. 15Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира.
16Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. 17Левихоша дІахІоттийра Юалан кІант ХІайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхІун кІант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах – Кхуша-ЯхІун кІант волу Этан дІахІоттийра. 18Иштта церан кхиболу гергарнаш а дІахІиттийра: Закри-ЯхІу, Бени, ЯІзиал, Шамирамути, Яхьиал, Іуни, Элиаб, БенъяхІу, МаІсей-ЯхІу, Маттит-ЯхІу, Эли-ПалехІу, Макхни-ЯхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш кевнехь гІаролхой бара. 19ХІаймана а, Асайпа а, Этана а цІестан негІаршца чІоггІа мукъам бало дезара. 20Ткъа Закри-ЯхІус, Іазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Іунис, Элиаба, МаІсей-ЯхІус, БенъяхІус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара. 21Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхІус, Эли-ПалехІус, Макхни-ЯхІус, Іабади-Эдома, ЯІиала, Азаз-ЯхІус.
22ТІаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхІу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тІехь куьйгалхо дІахІоттийра. 23Берех-ЯхІу а, Элкхан а бара бертан тІорказ дІахІоттийначу цІа чохь неІарехь гІарол деш. 24Динан дайша Шабан-ЯхІус, Яшпатис, Натунаила, Іамсайс, Закри-ЯхІус, БенъяхІус, ЭлиІазара Делан тІорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Іабади-Эдом а, Яхьи-ЯхІу а тІорказ долчохь гІарол деш вара.

 

Бертан тІорказ Ярушалайме дІадахьар

 

(Дауд 6:12-22)

 

25Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тІеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Іабади-Эдоман цІа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дІадахьа. 26Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ дІахьош болчу левихошна Дала гІо дарна, ворхІ сту а, ворхІ ка а сагІина бейтира. 27Даудана тІехь а, иштта тІорказ дІахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхІуна а тІехь дуткъачу кІадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тІекхоьллина кхин вēтанан ийпад а яра. 28Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маІаш а, турбанаш а, цІестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ гІали чу доккхура.
29Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ Даудан гІали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоІ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.

 

 

16

 

1Делан тІорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТІаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира цара. 2Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш даьхна ваьллачул тІаьхьа, Дауда Везачу Элан цІарах халкъ декъалдира. 3Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Іаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Іаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра.
4ТІаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тІорказна хьалха гІуллакх дан дІахІиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доІанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. 5Царах коьртаниг Асайп вара, шолгІаниг вара Закри-ЯхІу, цул тІаьхьа бара ЯІиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхІу, Элиаб, БенъяхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дІахІиттийра. Асайп дІахІоттийнера цІастанан жима негІарш вовшехдетта. 6Динан дай болу БенъяхІу а, Яхьазиал а дІахІиттийнера Делаца бинчу бертан тІорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. 7Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.

 

Даудан баркаллин назма

 

(Забур 104:1-15;95:1-13;105:1,47,48)

 

8Баркалла ала Везачу Элана!
Цуьнан цІарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш.
9Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гІуллакхех лаций дІадийца.
10Дозалла де Цуьнан езачу цІарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
11Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гІерта.
12Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гІуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
13ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахІиман хІух дерш,
Цо хаьржина хиллачу Якъубан тІаьхьенах дерш!
14Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
15Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош,
16ИбрахІимца Ша бина болу барт,
Исхьакхана, чІагІо а еш, Ша дина ваІда.
17Цо Якъубана иза чІагІдира парз санна,
Исраилана[16] – гуттаренна а болу барт санна.
18Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаІанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».

 

19Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла.
20Уьш дІаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
21Дала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дІахьедар дора:
22«Ас къобалбинчарах дІа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».

 

23Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено.
Де дийне мел дели Цуьнан кІелхьардахар кхайкхаде.
24Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дІакхайкхае,
массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дІадийца.

 

25Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.
Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
26Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цІуш бу,
ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
27Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.
Цуьнан деза цІа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.

 

28Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
29Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта чу дуьйлийша!
Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гІойша.
30Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
31Стигалш сакъералойша, латта даккхийде!
ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»
32ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е!
Кхаш а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хила.
33Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду,
Везачу Элана хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву,
дуьненна тІехь куьйгалла дархьама.

 

34Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
35Алийша: «КІелхьардахахьа тхо, КІелхьардохург волу тхан Дела,
схьа а гулдехьа, кІелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара,
тхоьга Хьан цІе хастаяйта а,
Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
36Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла,
азалехь дуьйна абаденналц!»

 

Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»

 

Ярушалаймехь а, ГавІон-гІалахь а Далла лерина дина гІуллакх

 

37Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна хьалха дІахІиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хІора а дийнан эшаре хьаьжжина, гІуллакх дайтархьама. 38Цаьрца цхьаьна цо витира Іабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхІ стаг а. Ткъа Ядутунан кІант Іабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гІарол дийраш бара.
39Ткъа динан да волу ЦІадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавІонан гу тІехь долчу Везачу Элан цІа чохь. 40Уьш хІиттийнера, цаьрга дагоран сагІа доккхучу кхерчана тІехь массо а хенахь, Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагІанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дІабеллачу товрат-хьехам тІехь яздинчу массо а хІумане хьаьжжина. 41Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХІайман, Ядутун, кхиболу, хІораннан а цІе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хІунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 42ХІайман а, Ядутун а хІоттийнера турбанашца а, цІастанан негІаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гІирсашца а мукъам балорна тІехь. Ткъа Ядутунан кІентий кевнехь дІахІиттийна бара.
43Дерриге а халкъ шен-шен цІа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цІа декъалдархьама.

 

Дауд а, Ната-пайхамар а

 

(Дауд 7:1-17)

 

17

 

1Шен цІеношкахь ша вехаш Іачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цІа чохь Іаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду».
2Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хІунда аьлча Дела хьоьца ву».
3Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: 4«Ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Іан цІа ахь дийр дац, 5хІунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц цІа чохь Іар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. 6Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тІехь Іуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цІа хІунда ца до?’ – аьлла.
7Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. 8Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 9Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугІур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, 10мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагІий кІелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. 11Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса меттахІоттор ду хьан хІу, хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду Аса. 12Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чІагІбийр бу. 13Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дІабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дІабаьккхинехь а. 14Сайн халкъана тІехь а, Сайн пачхьалкхана тІехь а абаденналц дІахІоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чІагІдина хир ду’“».
15Дерриг и дешнаш а, шена хІоьттина сурт а Натас ма-дарра дІадийцира Дауде.

 

Дауда дина баркаллин доІа

 

(Дауд 7:18-29)

 

16ТІаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цІа а хІун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 17Хьуна-м иза а кІезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цІийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела! 18Кхин хІун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай! 19Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хІуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дІа а довзуьйтуш. 20Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 21Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дІалохкура Ахьа. 22Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дІахІоьттира.
23Ткъа хІинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чІагІдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, 24иза билггал хилийтархьама а, массо а тІейогІун йолчу ханна Хьан цІе язъяйтархьама а. ТІаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тІехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цІа Хьуна хьалха чІагІделла лаьттар ду! 25Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дІадилли, Айхьа суна цІа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хІара доІа дан. 26Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваІда дина Ахьа! 27Хьан лай волчун тІаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цІа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».

 

Даудан тІеман толамаш

 

(Дауд 8:1-18)

 

18

 

1Цул тІаьхьа Дауда, пІелаштамхошна тІехь толам а баьккхина, уьш муьтІахь бира. Иштта, Гати-гІала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пІелаштамхойн карара схьаехира. 2Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш.
3Цоба-мехкан паччахь волу ХІадад-Іезар Эпрат-хина йистехула Іохкуш долчу латтанаш тІехь шен паччахьалла дІахІотто воьдучу хенахь, Хьамат-гІалахь Дауда эшийра. 4Цуьнгара цхьа эзар гІудалкх а, ворхІ эзар бере а, ткъа эзар гІашло а схьаваьккхира цо. Шен гІудалкхашна хьалха дІайожа бІе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо.
5Цоба-мехкан паччахь волчу ХІадад-Іезарна гІоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хІаллаквира. 6Дауда арамхой Іаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дІахІиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дІахІиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цІа воьрзуьйтура Дауд. 7ХІадад-Іезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда. 8ХІадад-Іезаран олаллехь хиллачу ТІивхьат-гІалара а, Кун-гІалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТІаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цІестан яй а, бІогІамаш а, пхьегІаш а Делан цІенна яйтира.)
9Хьамат-гІалахь паччахь волчу ТоІина хезира, цобахойн паччахьан ХІадад-Іезаран эскар Дауда эшийна аьлла. 10ТІаккха ТоІас шен кІант ХІайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХІадад-Іезар эшаварна баркалла ала а, ХІадад-Іезар шеца кест-кеста тІом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогІуш, ХІайдарама дашо а, дато а, цІестан а пхьегІаш еара. 11Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гІуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара – эдомхошкара а, муабахошкара а, Іамминхошкара а, пІелаштамхошкара а, Іамалекхахошкара а – схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна.
12Дуьра тогІи олучу меттигехь Царуятан кІанта Абушайс берхІитта эзар эдомхо эшийра. 13Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дІахІиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дІахІоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цІа воьрзуьйтура иза.
14Дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд. 15Царуятан кІант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кІант ЯхІушапти пачхьалкхан гІуллакхаш дІаяздеш верг вара. 16Ахьтубин кІант ЦІадукъа а, Абу-ЯтІарин кІант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара. 17ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний[17] тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчийн хьалхарнаш бара.

 

Дауда Іамминхой а, арамхой а эшабо

 

(Дауд 10:1-19)

 

19

 

1Цхьа хан яьлча, Іамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьануни. 2Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кІантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш.
Даудан ялхой Іамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама. 3Амма Іамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тІе хІара догъоьцурш? ХІан-хІан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тІаьхьа иза бохо дагахь».
4Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хІораннан а месаш дІаешира, цул тІаьхьа, царна тІера бедарш вареш тІе кхаччалц дІа а хедийна, уьш дІахийцира. 5Цхьаболчу геланчаша, дІа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тІедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чІогІа юьхьІаьржачу хІиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тІаьхьа цІа догІур ду шу», – аьлла.
6Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахІарайма а, Арам-МаІха а, Цоба-махка а, цигара гІудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама. 7Иштта, ткъе шийтта эзар гІудалкх а, МаІхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Іамминхоша. ХІорш схьабаьхкича, Мейдеба-гІалина уллохь меттамотт дІахІоттийра. Іамминхой, шайн гІаланашкара схьа а гулбелла, тІом бан арабевлира.
8Шена иза дІахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тІемалой а болуш. 9Іамминхой, гІалин кертара ара а бевлла, тІамана кечбелла кевнехь дІахІиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.
10МостагІчун эскарийн могІарш шена тІехьа а, хьалха а дІахІиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тІемалой арамхошна дуьхьалбехира. 11Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дІабелира, ткъа цо уьш Іамминхошна дуьхьалбехира. 12Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гІо дийр ду, нагахь санна Іамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гІо доккхур ду. 13Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гІаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».
14Йоаб шен эскарца арамхошна тІелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дІабахара. 15Шайна арамхой дІауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гІала дІабахара Іамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара. 16Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агІор Іаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХІадад-Іезаран тІеман хьаькам волчу Шупака. 17И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТІаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дІахІоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира. 18Амма арамхой исраилхойх бевдда дІабахара. Церан гІудалкхех Дауда ворхІ эзар йохийра, ткъа гІашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тІеман хьаькам волу Шупак а вийра. 19Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХІадад-Іезаран куьйга кІел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хІуттура Іамминхошна гІо дан.

 

Дауда Рабба-гІала схьайоккху

 

(Дауд 12:27-31)

 

20

 

1Цхьа шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Іамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гІалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гІала, схьа а яьккхина, йохийра. 2Дауда церан паччахьан коьртара[18] деших дина, дезачу жовхІарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тІе диллира. Цо дуккха а хІонс араяьккхира цу гІалара. 3Рабба-гІалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дІахІиттийра цо. Дауда массо а Іамминхойн гІаланашкахь цу тайпана белхаш дІаболийра. Цул тІаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.

 

ПІелаштамхойн турпалшца тІом бар

 

(Дауд 21:15-22)

 

4Цул тІаьхьа ГІазар-гІалахь пІелаштамхошца тІом дІаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тІаьхьенах волу Сипай вийра. ТІаккха уьш муьтІахь хилира исраилхошна. 5ТІаьхьо кхин а цхьа тІом хилира пІелаштамхошца. Цигахь ЯІиран кІанта Элхьанана гатихо волчу ГІолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тІера гІаж кІадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гІаж санна яра.
6Гати-гІалахь кхин а хилира тІом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пІелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пІелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 7Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимІин кІанта ЯхІунатас вийра.
8И кхо стаг Гати-гІаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.

 

Халкъан дагардар

 

(Дауд 24:1-25)

 

21

 

1Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. 2Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гІой, Беар-ШабаІ-гІалара дуьйна Дан-гІалина тІекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».
3ТІаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бІозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хІунда оьшу иза? ХІунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тІе и декхар?» 4Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. 5Нах багарбаран жамІ Дауде дІаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бІе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу яхІудхо виъ бІе кхузткъе итт эзар стаг вара. 6Паччахьо тІедиллина гІуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.
7И гІуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таІзар дира. 8Дауда Деле элира: «И гІуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧІогІа хьекъале доцу хІума дина аса».
9ТІаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: 10«Ваха а гІой, Дауде дІаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таІзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».
11Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таІзарх цхьаъ къастаде: 12Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тІе а кхочуьйтуш, хьайн мостагІех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тІехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Іожаллин ун хІуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хІаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хІун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»
13Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чІогІа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара».
14ТІаккха Везачу Эло исраилхошна ун тІехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. 15Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хІаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хІаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХІинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин[19] хьаьттарна юххехь дара.
16Шен бІаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тІехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТІаккха Дауд а, къаной а, тІехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тІе лаьтта охьаийгира. 17Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хІокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагІий санна, суна тІаьхьахІиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таІзар суна а, сан ден доьзална а тІе доьрзийла, амма Хьан халкъана тІехь и ун ма дуьсийла!»
18Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дІаалийтархьама: «Ваха а гІой, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». 19Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. 20Ша кІа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кІант цу маликах дІахьулвелира. 21Юха Дауд и волчу веара. ДІахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. 22Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тІедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».
23Аравнис Дауде жоп делира: «ДІаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хІара стерчий а дІало дийнаташ дагоран сагІина, мекха а дІало ас дечиган метта, кІа а дІало кІен сагІина. И дерриг а аса маьхза дІало хьуна».
24Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХІан-хІа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХІунда аьлча хьан долахь йолу хІума Везачу Элана сайгара сагІина лур яц аса. Маьхза еллачу хІуманах дагоран сагІа а доккхур дац аса». 25Дауда ялх бІе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. 26Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош.
27ТІаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. 28Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дІахезна хилар а гина, циггахь сагІанаш дехира. 29Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а цу хенахь ГавІон-ломан сагІа доккхучу гу тІехь лаьтташ бара. 30Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хІунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.

 

 

22

 

1ТІаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цІа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а хир бу кхузахь».

 

Делан цІа дІахІотторна кечам бар

 

2Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тІебаьхкина Іаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цІенна кечбеш болу тІулг хьакха нах дІахІиттийра Дауда. 3Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неІаршна оьшун долу хьостамий а, цу неІарийн кІажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цІаста а кечдира. 4Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хІунда аьлча цІаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. 5Дауда элира: «Сан кІант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цІа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чІогІа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дІакхалхале дукха хІума кечдина хилла Дауда.
6Шен кІант Сулим тІе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цІа де аьлла. 7Дауда Сулиме элира: «Сан кІант! Сайн Везачу Далла лерина цІа дан дагадеанера суна. 8Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цІий а Іанийра, баккхий тІемаш а бира. Суна лерина цІа ахьа дан ца деза, хІунда аьлча Суна хьалха дукха цІий Іанийна ахьа лаьтта тІе. 9Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим[20] хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. 10Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“.
11Ткъа хІинца, сан кІант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цІа дарна тІехь хьан аьтто боккхийла Цо. 12Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. 13Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. 14Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цІенна ши бІе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цІаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тІулг а кечбина аса, ткъа ахьа тІеоьшург кечъе. 15-16Хьан дуккха а белхалой бу: тІулг хьокхурш а, тІулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цІастанца а, эчигца а муьлхха а гІуллакх дан хуур долу нах а – церан барам бац. Хьайн гІуллакх, дІа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».
17Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тІедиллира шен кІантана Сулимана гІо дар. 18Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агІор синтем ца белира ткъа? ХІунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтІахь хилира. 19Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДІа а хІиттий, Везачу Далла лерина деза цІа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ а, Далла леринчу гІуллакхна лелош йолу язйина пхьегІаш а охьаяхкархьама».

 

23

 

Левихошка Делан цІа чохь гІуллакх муха дан деза аьлла дІахьедар

 

1Дауд, дикка дуьне а диъна, къанвелира. Шен кІант Сулим, Исраил-мехкан паччахь а вина, дІахІотто лиира цунна. 2Исраил-мехкан массо а баьччанаш схьагулбира Дауд-паччахьо. Иштта схьагулбира цо массо а динан коьрта дай а, левихой а. 3Дауд-паччахьо гулбеллачарна юккъера берриг а ткъе итт шо я цул сов хан йолу левихой багарбайтира. Уьш верриг а ткъе берхІитта эзар стаг вара. 4Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦІенна тІехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву. 5Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гІирсаш тІехь гІуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гІирс леррина Веза Эла хасто бина бу».
6И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих.

 

ГІиршанан тІаьхье

 

7ГІиршанан тІаьхьенах царна юкъахь бара: ЛаІдан, ШамаІи.
8ЛаІданан кхо кІант вара: воккхаха верг – Яхьиал, важа шиъ – Зетам а, Юал а.
9ШамаІин кІентий бара: Шалумати, Хьазиал, ХІарон. И кхо кІант ЛаІданан тІаьхьенан баьчча вара. 10Кхин а виъ кІант вара ШамаІин. Уьш бара: Яхьат, Зиза, ЕІуш, БериІ. 11Яхьат царах воккханиг вара, ткъа Зиза шолгІаниг вара. Ткъа ЕІушан а, БериІан а бераш кІеззиг дара, цундела уьш цхьа доьзал санна лорура.

 

КхахІатан тІаьхье

 

12КхахІатан виъ кІант вара: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал.
13Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а. 14Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кІентий Левин тІаьхьенах лоруш бара. 15Мусан кІентий бара: ГІиршам, ЭлиІазар. 16ГІиршаман воккхаха волу кІант вара Шубиал. 17ЭлиІазаран дуьххьарлера доьзалхо вара Рехьаб-ЯхІу. Кхин кІентий бацара ЭлиІазаран. Амма Рехьаб-ЯхІун дуккха а кІентий бара.
18Ицхьаран воккхаха волу кІант вара Шалумати.
19Хьевронан воккхаха волу кІант вара Яри-ЯхІу. ШолгІа кІант Іамар-ЯхІу вара. КхоалгІаниг Яхьазиал вара. Ткъа ЕкхамІам Хьевронан воьалгІа кІант вара.
20Іузиалан воккхаха волу кІант вара Мика. Йоши-ЯхІу цуьнан шолгІа кІант вара.

 

Мераран тІаьхье

 

21Мерарин кІентий бара: Махьли, Мушхьи.
Махьлин кІентий бара: ЭлиІазар, Къуша. 22ЭлиІазаран кІентий бацара, цуьнан йоІарий бара. ЭлиІазаран йоІарий шайн гергара болчу Къушин кІенташка маре бахара.
23Мушхьин кхо кІант вара: Махьли, Іедар, Еримати.
24Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тІаьхьенаш. И тІаьхьенаш шайн цІерашца хІокху йозанна тІехь дІаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакхаш дан. 25Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу. 26ХІинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гІуллакх деш лелош йолу хІуманаш а лело езар яц шайца левихоша». 27Даудан тІаьххьара долчу омранашна тІе а доьгІна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша 28Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. 29Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦІа чохь дІахІотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагІанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хІуманан барам лелабора. 30ХІора Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. 31Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь.
32Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хІуманаш лар а йора. Цара гІо дора АхІаронан тІаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦІийнан кертахь Далла гІуллакх дан.

 

24

 

Динан дай Далла гІуллакх дан дІахІиттор

 

1Иштта ю АхІаронан тІаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхІаронан кІентий хилира Надаб, АбихІу, ЭлиІазар, Итамар. 2Надаб а, АбихІу а шайн дел хьалха дІакхелхинера. Церан кІентий ца хилира, цундела динан дай санна гІуллакх деш ЭлиІазар а, Итамар а вара. 3Дауда а, ЭлиІазаран тІаьхьенах волчу ЦІадукъас а, Итамаран тІаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дІасабийкъира уьш, царна тІедехкинчу гІуллакхашка хьаьжжина. 4ЭлиІазаран тІаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тІаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дІасабийкъира: ЭлиІазаран тІаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тІаьхьенах – бархІ баьчча схьахаьржира. 5Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дІасабийкъира, хІунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цІа чохь а гІуллакх дан дІахІиттийна баьччанаш ЭлиІазаран а, Итамаран а тІаьхьенех хилла. 6Уьш дІаязбеш вара Натунаилан кІант ШамІа-ЯхІу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦІадукъина а, Абу-ЯтІарин кІантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дІаязбеш вара ШамІа-ЯхІу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиІазаран тІаьхьенах, тІаккха Итамаран тІаьхьенах схьахоржура цара.
7Хьалхара кхаж ЯхІу-Ярибан белира, шолгІаниг – ЯдаІ-ЯхІун, 8кхоалгІаниг – Хьармин, боьалгІаниг – СаІуриман, 9пхоьалгІаниг – Малки-ЯхІун, йолхалгІаниг – Мияманан, 10ворхІалгІаниг – Къоцин, борхІалгІаниг – Аби-ЯхІун, 11уьссалгІаниг – ЮшаІан, уьтталгІаниг – Шахан-ЯхІун, 12цхьайтталгІаниг – Элишубан, шуьйтталгІаниг – Якъиман, 13кхойтталгІаниг – Хьупайн, бейтталгІаниг Яшаб-Абун, 14пхуьйтталгІаниг – Билгин, ялхитталгІаниг – Амиран, 15вуьрхІитталгІаниг – Хьецаран, берхІитталгІаниг – Хьапицацан, 16ткъайоьсналгІаниг – Патахь-ЯхІун, ткъолгІаниг – Яхьазкхиалан, 17ткъе цхьалгІаниг – Якинан, ткъе шолгІаниг – Гамулан, 18ткъе кхоалгІаниг – Дали-ЯхІун, ткъе боьалгІаниг – МаІаз-ЯхІун.
19Исраилан халкъан Везачу Дала, тІе а дуьллуш, церан дегахула АхІаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цІа чохь гІуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагІ яра церан.

 

Бисина левихой гІуллакхе дІахІиттор

 

20Бисинчу левихойн тІаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хІорш бара:
Іамраман тІаьхьенан баьчча хилира Шубиал;
Шубиалан тІаьхьенан – Яхьди-ЯхІу;
21Рехьаб-ЯхІун тІаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхІу;
22Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат;
Шалуматин тІаьхьенан – Яхьат;
23Хьевронан тІаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхІу, шолгІаниг – Амар-ЯхІу, кхоалгІаниг – Яхьазиал, воьалгІаниг – ЕкхамІам;
24Іузиалан тІаьхьенах волчу Микин тІаьхьенах – Шамир.
25Микин ваша волчу Йоши-ЯхІун тІаьхьенах – Закри-ЯхІу;
26Мерарин кІентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯІзи-ЯхІу. 27Мерарин кІант волчу ЯІзи-ЯхІун тІаьхьенан баьччанаш хилира: ШухІам, Закхур, Іебар. 28Махьлин тІаьхьенан – ЭлиІазар. ЭлиІазаран кІентий бацара. 29Къушин тІаьхьенан – Ярахьмиал. 30Мушхьин кІентий бара: Махьли, Іедар, Еримати.
Иштта ю левихойн тІаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина.
31Цара а, АхІаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦІадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.

 

25

 

Делан цІийнан илланчаш

 

1Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю:
2Асайпан кІентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхІу, Асар-Эла. Асайпан кІенташа цуьнан куьйгаллехь гІуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.
3Ядутунан кІентех вара: Гадал-ЯхІу, Зари, ЯшаІ-ЯхІу, ШамаІи, Хьашби-ЯхІу, Маттит-ЯхІу. Уьш ялх кІант вара. Царна тІехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.
4ХІайманан кІентех вара: Букъи-ЯхІу, Матан-ЯхІу, Іузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхІу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Іезар, Йошбикхаша, Малути, ХІутир, Махьзиут. 5Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХІайманан кІентий бара уьш берриш а. Вейтта кІант а, кхо йоІ а еллера Дала ХІайманна. 6Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара.
7Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Іемина а, говза волу а ши бІе везткъе бархІ стаг вара уьш верриг а (288).
8Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гІуллакх дан деза рагІ билгалйоккхуш.
9Хьалхара кхаж Асайпан тІаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгІаниг – Гадал-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а, кІентийн а белира. Уьш шийтта вара. 10КхоалгІаниг – Закхуран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 11БоьалгІа кхаж – Изрин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 12ПхоьалгІа кхаж – Натан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 13ЙолхалгІа кхаж – Букъи-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 14ВорхІалгІаниг – Ясар-Элан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 15БорхІалгІаниг – ЯшаІ-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 16УьссалгІаниг – Матан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 17УьтталгІаниг – ШамаІин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 18ЦхьайтталгІаниг – Іазариалан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 19ШуьйтталгІаниг – Хьашби-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 20КхойтталгІаниг – Шубиалан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 21БейтталгІаниг – Маттит-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 22ПхуьйтталгІаниг – Ериматин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 23ЯлхитталгІаниг – Хьанан-ЯхІун а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 24ВуьрхІитталгІаниг – Йошбикхашан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 25БерхІитталгІаниг – Хьананин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 26ТкъайоьсналгІаниг – Малутин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 27ТкъолгІаниг – Эли-Атин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 28Ткъе цхьалгІаниг ХІутиран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 29Ткъе шолгІаниг – Гидалтин а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 30Ткъе кхоалгІаниг – Махьзиутан а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 31Ткъе боьалгІаниг – Румамти-Іезаран а, цуьнан кІентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.

 

26

 

Везачу Элан цІийнан кевнера гІаролхой

 

1Кевнашкахь гІарол дан дІахІиттийнарш хІорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кІант Мишлам-ЯхІу. Иза Асайпан тІаьхьенах вара. 2Мишлам-ЯхІун кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхІу, шолгІаниг – ЕдиІаал, кхоалгІаниг – Забди-ЯхІу, воьалгІаниг – Ятниал, 3пхоьалгІаниг – Іейлам, йолхалгІаниг – ЯхІу-Хьана, ворхІалгІаниг – Эли-ЯхІу-Іейни.
4Іабади-Эдоман кІентий хІорш бара: дуьххьарлера кІант ШамІа-ЯхІу, шолгІаниг – ЯхІу-Забди, кхоалгІаниг – Юахьи, воьалгІаниг – Сакар, пхоьалгІаниг – Натунаил, 5йолхалгІаниг – Іамиал, ворхІалгІаниг – Иссархан, борхІалгІаниг – ПаІултай. Дала декъалвинера Іабади-Эдом.
6ПаІултайн кІентан ШамІа-ЯхІун а бара кІентий. Уьш говза нах хилла дела, шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. 7ШамІа-ЯхІун кІентий хІорш бара: Іотни, Рапиал, Іабади, Эли-Забда. Цуьнан гергара нах а бара говза нах. Уьш бара ЭлихІу, Симах-ЯхІу.
8Уьш берриш а Іабади-Эдоман кІентех схьабевллера. Шайна тІедиллина гІуллакх дан говза а болуш, иза кхочуш а деш, нах бара уьш а, церан кІентий а, вежарий а. Уьш Іабади-Эдоман тІаьхьенах схьаваьлла волу кхузткъе итт стаг вара.
9Мишлам-ЯхІун кІентий а, вежарий а шайн гІуллакх дан говза волу берхІитта стаг вара.
10Мерарихо волчу Хьосин кІентий хІорш бара: коьртаниг – Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дІахІоттийнера иза), 11шолгІаниг – Хьалкхи-ЯхІу, кхоалгІаниг – ТІабал-ЯхІу, воьалгІаниг – Закри-ЯхІу. Хьосин берриг кІентий а, вежарий а кхойтта стаг вара.
12Шайн доьзалийн баьччанашка хьаьжжина, екъна йолчу гІаролхойн оцу тобанашна, церан гергарчарна санна, тІедиллинера Везачу Элан цІийнан кертахь гІуллакхаш дар. 13Шайн доьзалшка хьаьжжина, цара жимачо а, воккхачо санна, кхаж тесира, хІора кевнехь гІарол дар хьанна кхочу хьожуш. 14Иштта Шалам-ЯхІун кхаж белира малхбалехьа долчу кевнехь гІарол дан. Хьекъале хьехамча волчу цуьнан кІантана Закри-ЯхІуна а тесира кхаж. Цунна кхечира къилбаседехьарчу кевнехь гІарол дар. 15Іабади-Эдомна – къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кІенташна чІоьнан цІеношна ха дан кхаж белира. 16Шупаймна а, Хьосина а – малхбузехьарчу кевнехь а, лакхарчу урамехь долчу Шалихат-кевнехь а гІарол дан кхаж белира. ГІаролхойн цхьана тобано вукху тобанна тІаьхьа гІарол дора. 17Малхбалехьа – хІора денна ялх левихо, къилбаседехьа – хІора денна виъ, къилбехьа – виъ, чІоьнан цІеношкахь шишша левихо дІахІоттавора хІора дийнахь. 18Малхбузехьа йолчу кертана тІебоьдучу некъа тІехь – виъ, ткъа оцу кертахь ши левихо дІахІоттийра. 19Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тІаьхьенан Везачу Элан цІийнан кевнехь ха дан дІахІоттор.

 

Хазнаш Іалашйинарш

 

20Ткъа церан вежарий болу левихой Делан цІийнан хазна а, Далла гІуллакх деш къастийна йолчу хІуманийн хазна а ларъеш бара. 21ГІиршанан кІентан ЛаІданан тІаьхьенан доьзалийн баьчча вара Яхьи-Эла. 22Яхьи-Элан кІентий хилира Зетам а, цуьнан ваша Юал а. Уьш Везачу Элан цІийнан хазна ларъярна тІехь куьйгалла деш бара.
23Іамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Іузиалан а тІаьхьенашна а дара тІедехкина гІуллакхаш.
24Мусан кІентан ГІиршаман кІант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тІехьожург вара. 25ГІиршаман вешин ЭлиІазаран кІант вара Рехьаб-ЯхІу. Рехьаб-ЯхІун кІант вара ЯшаІ-ЯхІу. Цуьнан кІант вара Йорам. Йораман кІант вара Зикра. Зикрин кІант вара Шалумати. 26Шалуматис а, цуьнан вежарша а Дауд-паччахьо а, доьзалийн баьччанаша а, тІеман коьрта хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, эскаран кхиболчу куьйгалхоша а Далла дечу гІуллакхна дІакъастийна хІуманаш чохь йолчу массо а хазнийн Іуналла дора. 27Шаьш тІамехь схьаяьккхинчу хІонсах цхьа дакъа Везачу Элан цІенна оьшучунна дІакъастадора цара. 28Шамъал-пайхамаро а, Къушин кІанта Шаула а, Неран кІанта Абунара а, Царуятан кІанта Йоаба а Везачу Элана лерина дІаделла массо хІума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара.

 

Кхечу левихошна тІедехкина гІуллакхаш

 

29Ицхьаран тІаьхьенах болу Ханан-ЯхІу а, цуьнан кІентий а билгалбехира Делан цІийнан арахьара гІуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тІехь сардалш а, кхелахой а бара.
30Хьевронан тІаьхьенах болчу Хьашби-ЯхІус а, цуьнан вежарша а – говза волчу цхьа эзар ворхІ бІе стага – Йордан-хин малхбузехьа долчу Исраил-мехкан латтанашкахь Везачу Элана лерина а, паччахьна а массо а тайпана гІуллакхаш дора. 31Доьзалийн цІераш дІаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тІаьхьенах волу Яри-ЯхІу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгІа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалІад-махкарчу ЯІзир-гІалахь. 32Яри-ЯхІун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхІ бІе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гІуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тІехь, коьртанаш а бина, дІахІиттийра Дауд-паччахьо уьш.

 

27

 

Эскаран дакъошна чохь долу низам

 

1Доьзалийн баьччанаш а, тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогІучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цІераш иштта яра. Шеран хІора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гІуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хІуманаш кхочуш а деш. ХІора тобанна чувогІура ткъе виъ эзар стаг.
2Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тІехь куьйгалла дора Забдиалан кІанта ЯшбаІама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. 3ЯшбаІам Парасан тІаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тІехь коьртаниг.
4ШолгІачу баттахь гІуллакх деш йолчу тобанна тІехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гІо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
5КхоалгІачу баттахь эскаран кхоалгІа хьаькам вара динан да волчу ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара. 6Иза вара майрачу ткъе итт тІемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тІехь дІахІоттийна хьаькам. БенъяхІун тобанна тІехь куьйгалла дора цуьнан кІанта Іами-Завада.
7БоьалгІачу баттахь – воьалгІаниг вара Йоабан кІант Іасаал. Цуьнан кІанта Забди-ЯхІус цул тІаьхьа куьйгалла дира. ІасахІалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
8ПхоьалгІачу баттахь – пхоьалгІаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхІути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
9ЙолхалгІачу баттахь – йолхалгІаниг вара такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
10ВорхІалгІачу баттахь – ворхІалгІаниг вара Эпрайман тІаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
11БорхІалгІачу баттахь – борхІалгІаниг вара Зерахьан тІаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
12УьссалгІачу баттахь – уьссалгІаниг вара Бен-Яманан тІаьхьенах волу Іанатотхо Абу-Іезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
13УьтталгІачу баттахь – уьтталгІаниг вара Зерахьан тІаьхьенах волу натІупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
14ЦхьайтталгІачу баттахь – цхьайтталгІаниг вара Эпрайман тІаьхьенах волу пІарІатунхо БенъяхІу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
15ШуьйтталгІачу баттахь шуьйтталгІа хьаькам вара Іотниалан тІаьхьенах волу натІупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

 

Исраилхойн тайпанийн хьаькамаш

 

16Исраилхойн тайпанашна тІехь болу хьаькамаш хІорш бара:
Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кІант ЭлиІазар;
ШимІин коьрта хьаькам вара МаІхин кІант Шапат-ЯхІу;
17Левин тайпанан – Къамуалан кІант Хьашби-ЯхІу;
АхІаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦІадукъа;
18ЯхІудан тайпанан – Даудан вежарех волу ЭлихІу;
Иссарханан тайпанан – Микаалан кІант Іумари вара;
19Забулан тайпанан – Іабди-ЯхІун кІант ИшмаІ-ЯхІу;
Напталан тайпанан – Іазриалан кІант Еримати вара;
20Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхІун кІант ХІушаІ вара;
Маннашан ахтайпанан – Пади-ЯхІун кІант Юал;
21ГалІад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан – Закри-ЯхІун кІант Ида вара;
Бен-Яманан тайпанан – Абунаран кІант ЯІсаал;
22Данан тайпанан – Ярохьаман кІант Іазариал.
Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.
23Ткъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дІа ца язбира, хІунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваІда динера. 24Царуятан кІанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гІуллакх дарна Дела оьгІазваханера Исраилан халкъана, цундела цІерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гІуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.

 

Паччахьан долахь долчунна тІехь урхалла дийраш

 

25Паччахьан чІоьнан цІеношна тІехь а урхалла дора Іадиалан кІанта Іазмавата.
Ткъа кхашна тІехь а, гІаланашкахь а, ярташкахь а, бІаьвнашкахь а тІаьхьалонна дІадиллинчу сурсаташна тІехь а урхалла дора Іузи-ЯхІун кІанта ЯхІунатас.
26Латта лелош болчу аренийн белхалошна тІехь урхалла дора Халубан кІанта Іезрайс.
27Кемсийн бошмашна тІехь урхалла дора Рама-гІаларчу ШамаІис.
ЧагІаран чІоьнашкахь дІадехкинчу сурсаташна тІехь урхалла дора шипамхочо Завадис.
28Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тІехь урхалла дора гадирахо волчу БаІал-Хьанана.
ТІаьхьалонна дІадиллина зайт-даьттан сурсатна тІехь урхалла дора ЮІаша.
29Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс.
ТогІешна чохь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора Іадлайн кІанта Шаптис.
30Эмкалшна тІехь урхалла дора исмаьІалхо волчу Овбила.
Варрашна тІехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхІус.
31Жашна тІехь урхалла дора хІагирхо волчу Язиза.
И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тІехь урхалхой бара.

 

Даудан хьехамчаш

 

32Даудан гергара волу ЯхІуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кІант Яхьиал паччахьан кІентийн хьехархо вара. 33Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Іаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара. 34Ахьи-Тупалал тІаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхІун кІант ЯхІу-ЯдаІ а, Абу-ЯтІари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.

 

28

 

Дауд-паччахьо Делан цІийнах бина хьехам

 

1Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тІемалой а.
2Хьала а гІаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогІалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кІело хир йолу хІара меттиг дІанисъян. Аса Делан цІа дІахІотто кечам бина. 3Амма Дала элира соьга: „Дауд, ахьа ма хІоттаде Суна лерина цІа, хІунда аьлча ахьа дукха тІемаш а бина, цІий а Іанийна“. 4Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхІудан тІаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тІаьхьенна тІехь олалла дайтархьама. Оцу тІаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дІахІотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван! 5Везачу Эло дуккха а кІентий белла суна. Оцу сан массо а кІенташна юкъара Везачу Эло сан кІант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тІехь дечу паччахьаллехь.
6Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кІанта Сулима дІахІоттор ду Суна лерина долу цІа а, цунна гонахара керт а. ХІунда аьлча Аса, Сайн кІант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву. 7Нагахь Сулима хІинццалц санна, кхидІа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду абаденналц“.
8Ткъа хІинца Везачу Эло хаьржина долчу, гулделлачу Исраилан халкъана хьалха, Везачу Элан гуламехь, вайн Далла дІа а хозуьйтуш, ас боху: „Шайн Везачу Делан дерриге а весеташ леррина кхочушде. ТІаккха далур ду шуьга кху хьаналчу лаьтта тІехь олалла, и латта хаддаза шайн тІаьхьенера тІаьхьене дІа а луш“.
9Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. 10Сулим, хьо кхета веза, Везачу Эло Шен сийлахь-еза меттиг, Шен цІа, дІахІотто хьо хаьржина хиларх. ЧІагІлой, и гІуллакх чекхдаккха».
11Цул тІаьхьа Везачу Элана дІахІотто дезачу цІийнан дехкина суьрташ тІехь долу кехаташ дІаделира Дауда шен кІанте Сулиме. Оцу кехаташна тІехь Везачу Элан цІенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гІишлойн, цуьнан чоьн-цІенойн, тІехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цІандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара. 12Иштта Дауда Сулиме делира шен даг чохь мел долчун хІоттийна долу сурт. Цу юкъахь дара Везачу Элан цІийнан гонах хир йолчу кертийн а, гонах хир йолчу массо а чоьнийн а, Делан цІийнан хазнин а, Далла гІуллакх деш къастийна йолчу хІуманийн хазнин а хІоттийна долу суьрташ. 13Дауда динан дайн а, левихойн а тобанех лаьцна а, Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а кхочушдан дезачу гІуллакхех лаьцна а, и гІуллакх деш лело езачу массо а хІуманех лаьцна дерриге дІадийцира Сулиме. 14Иштта Везачу Элан цІа чохь гІуллакх деш лелош хир йолчу хІуманашна деши а, дети а мел дезар ду а дийцира Дауда Сулиме. 15Оцу кехаташна тІехь билгалдаьккхина дара мел деши а, дети а дезар ду шайн кІелхІотторгашца йолчу тайп-тайпанчу чиркхаш чухІотторгашна а, иштта шен кІелхІотторгаца йолу хІора чІурам-чиркх чухІотторгана а, шен-шен Іалашонна лело езаш йолчу. 16ТІаккха Дауд-паччахьо дийцира, деза бепиг тІехІоттош йолчу дешин стоьлана деши мел дезар ду. Иштта детин стоьлаш еш дети мел дезар ду а. 17Иштта, Дауда дийцира, цІена деши мел дезар ду, мІерий, кедаш, боганаш деш. Цо дийцира, деши мел дезар ду, хІора дашо хедар деш, я хІора дато хедар деш. 18Дауда дийцира, деши мел дезар ду, сагІа доккхуш хаза хьожа йогІу хІуманаш тІехь ягош болу кхерч беш. Кхин а Дауда делира Сулиме Далла лерина кечйинчу меттиган деших дан дезачу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долчу тІорказна тІехула, шайн тІемаш дІаса а дахийтина, лаьтташ долчу маликашна гІудалкх муха ян еза гойту сурт а. 19Дауда элира: «И аса йийцина Іалашонаш Везачу Элан куьйгаллица дІаязйина яра. Везачу Эло гІо дира суна оцу ерриге Іалашонех кхета».
20Иштта, шен кІанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дІадоладе и гІуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хІунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цІа дІахІоттош ахь дан деза гІуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц. 21Ткъа динан дайн а, левихойн а тобанаш кийча ю Делан цІа чохь бан беза муьлхха а болх бан. ХІора шен гІуллакхан говзанча а кийча ву хьуна оцу гІуллакхна тІехь гІо лаца. Хьаькамаш а, дерриг халкъ а кийча ду хьан муьлхха а омра кхочушдан».

 

29

 

Делан цІенна елла хазна

 

1ТІаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кІант Сулим. Иза къона а, гІорасиза а ву, ткъа хІара гІуллакх сийлахь-деза ду. ХІунда аьлча хІара гІишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю. 2Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цІенна дашо хІуманаш яйта деши а, дато хІуманаш ян дети а, цІестан хІуманаш ян цІаста а, эчиган хІуманаш ян эчиг а, дечиган хІуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тІулгаш а, юкъадохку деза тІулгаш а, бес-бесара хаза тІулгаш а, массо тайпа деза тІулгаш а, алссам шагатІулг а. 3Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цІийне болчу сайн безамна Делан цІенна дІало аса, айса оцу дезачу цІенна кечдина долчул а сов. 4Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цІена деши а, ейтта эзар пунт цІена дети а делла аса Делан цІийнан чуьра пенашна тІе диллийта. 5Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хІуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагІа дан?»
6ТІаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тІеман коьртачу хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагІа деара. 7Цара а делира Делан цІа дІахІотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цІестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бІе эзар пунт эчиг а. 8ТІаккха наха шайгахь нисделла деза тІулгаш а делира Везачу Элан цІийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гІиршанхо волчу Яхьиалан кара дІаделира цара. 9Массо а тайпана сагІина хІума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагІа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чІогІа хазахетта вара Дауд-паччахь а.

 

Дауд-паччахьан хаза доІа

 

10ТІаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела. 11Хьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хІуманан Коьртаниг. 12Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хІуманна тІехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чІагІо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чІагІвар а. 13ХІинца оха, тхан Дела, хастаме дешнаш олу Хьуна, Хьан сийлахь-еза цІе а хастайо оха.
14Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагІа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дІа а делла оха. 15ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. 16Тхан Веза Дела! ХІара Хьуна дийр долчу цІенна, Хьан сийлахь-езачу цІарна, оха кеч мел дина хІума Хьан карара ду, дерриге а Хьан ду. 17Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цІена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цІеначу даггара сагІина деана. Ткъа хІинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагІа дар го суна. 18Веза Эла, тхан дай болчу ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела! ХІара Хьан халкъан дІанисъелла йолу деган ойланаш а, хІара дика а Іалашдехьа гуттаренна а. Хьайгахьа дерзадехьа хІокху халкъан дегнаш. 19Ткъа сан кІантана Сулимна а лохьа Ахьа цІена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дІадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гІирсах ян еза гІишло ян а».
20ТІаккха Дауд-паччахьо гулбеллачаьрга элира: «ХІинца декъалве аша вайн Веза Дела!» ТІаккха оцу гулбеллачу массара а декъалвира шайн Веза Дела, цул тІаьхьа, гора а хІиттина, охьатаьІира уьш Везачу Элана а, паччахьна а.

 

Сулимах паччахь хуьлу

 

21Ткъа шолгІачу дийнахь халкъо Везачу Элана сагІина деана дийнаташ дайира. Цара дийнаташ дагоран сагІанаш а дохура. Цу сагІина юкъа деара: эзар эса а, эзар уьстагІ а, эзар Іахар а, чагІаран сагІанаш а. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъо сагІина еана кхин дуккха а хІума яра. 22ТІаккха Везачу Элана хьалха чІогІа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ.
Цул тІаьхьа Дауд-паччахьан кІант Сулим шозлагІа а паччахь хІотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦІадукъа динан да хилийта къобалвира. 23Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтІахь дара. 24Массо хьаькамаш а, тІемалой а, Дауд-паччахьан берриге кІентий а Сулим-паччахьан куьйга кІел бахара. 25Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.

 

Дауд-паччахьан дІакхалхар

 

26Юшайн кІанта, Дауд-паччахьо, олалла дина берриге а Исраил-махкана тІехь. 27Дауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь – ворхІ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда. 28ТІаккха шортта хиллачу хьолах, сийлаллех вуьзна, дикка дуьне диъна, хан яьлла стаг волуш дІакхелхира Дауд-паччахь. Цуьнан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Сулим. 29Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тІаьххьалц а хиллачу гІуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тІехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тІехь а. 30Иштта, Дауда динчу паччахьаллех а, цуьнан доьналлех а, цуьнан шен а, Исраил-мехкан хиллачу гІуллакхех а, гонах хиллачу кхечу пачхьалкхех а лаьцна хІуманаш яздина ду оцу йозанийн тептарш тІехь.

 

 

 

2 Шерашкахь

ДІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дІаяздина

 

шолгІа тептар

 

Дешхьалхе

 

ШолгІачу тептар тІехь кхидІа а дуьйцуш ду ДІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дІаяздинчу хьалхарчу тептар тІехь долийнарг. ХІара тептар кхаа декъе декъа тарло: 1) Сулим-паччахьо олалла дар (1-9 кортош); 2) ЯрбаІам-паччахьо куьйгалла а деш, Сулим-паччахьан кІантана РахьбуІамна къилбаседера тайпанаш дуьхьалдовлар (10 корта); 3) ЯхІудан пачхьалкхехь хиллачух лаьцна дийцар (11-36 кортош). Тептаран чаккхенехь дуьйцу Іийса дуьнен чу валале пхи бІе дезткъе йолхалгІачу шарахь Ярушалайм-гІала йожарх лаьцна.

 

Сулима шена хьекъалалла доьхуш дина доІа

 

(Сулим 3:1-15)

 

 

1

 

1Даудан кІентан Сулиман шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дар чІагІлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.
2Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а. 3Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавІон-гІаларчу гу тІе бахара, хІунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хІинца а лаьтташ дара. 4Делан бертан тІорказ Кхиръят-ЯІарим-гІалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина. 5Ткъа Хьорин кІентан Урин кІанта Бацалиала бина сагІа доккху цІестан кхерч цигахь, ГавІонерачу гу тІехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира. 6ТІаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цІестан кхерча тІе а кхаьчна, цунна тІехь эзар дийнат а дагош, сагІа даьккхира Сулим-паччахьо.
7Цу буьйсанна Сулимна гІенахь Дела дуьхьалхІоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».
8Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хІоттийна. 9Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чІагІо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тІехь, Ахьа, со паччахь а вина, дІахІоттийна дела, 10лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хІокху халкъана тІехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хІунда аьлча хьаьнга далур ду хІокху Хьан дуккха а долчу халкъана тІехь урхалла?»
11Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хІоттийначу Сан халкъана тІехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна, 12лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тІаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».

 

Сулиман ницккъий, бахаммий

 

(Сулим 10:26-29)

 

13ТІаккха Сулим-паччахь ГавІонерачу гу тІехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тІехь паччахьалла дира. 14Сулим-паччахьо гІудалкхаш а, дой а гулдира[1]. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бІе гІудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара[2]. Цо уьш гІудалкхаш дІахІоттош йолчу гІаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дІатарйира. 15Детин а, дешин а барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 16Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик[3] цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура. 17Мисар-махкара ялочу гІудалкхан мах ялх бІе дато шекхал[4] бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.

 

Сулим-паччахьо Делан цІа дан а, керт ян а кечам бар

 

(Сулим 5:1-18)

 

2

 

1Везачу Элан цІе язъян лерина долу цІа а, шена лерина долу паччахьан цІа а дан сацам бира Сулима. 2Деза кира лелош волу кхузткъе итт эзар стаг а, лаьмнашкахь тІулг схьабоккхуш волу везткъа эзар стаг а, царна тІехьожуш волу кхо эзар ялх бІе хьаькам а вара цуьнан.
3Цора-гІаларчу паччахьна Хьирамана[5] тІе нах бахийтира Сулим-паччахьо, цуьнга дІаалийта: «Ахьа сан дена Даудана чохь Іан паччахьан цІа дечу хенахь, баганан дечиг а духкуш, гІуллакх дина ма-хиллара, суна а гІо дехьа. 4Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана. 5Аса ден долу цІа доккха хир ду, хІунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву. 6Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цІа дан? Со мила вара, Цо Шен цІа дан пурба суна даллал? И цІа – Цунна лерина сагІа доккху меттиг бен хир ма яц! 7Ткъа хІинца цхьа говза пхьар ваийтахьа со волчу. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а хІуманаш ян а хууш, иштта таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех хІуманаш ян хууш а, хадорца хІуманашна куьцаш деш волу стаг хила веза иза. Сан дас Дауда ЯхІуд-махкахь а, Ярушалайм-гІалахь а къобалбина хиллачу говзанчашца цхьаьна белхаш бийр бара цо. 8Баганан а, зоьзан а дечиг а, Ливанун-махкара цІен дечиг а даийтахьара ахьа, хІунда аьлча суна хаьа, хьан белхалой Ливанун-хьун хьакха говзалла йолуш буйла. Сан белхалоша хьайчаьрца цхьаьна болх бийр бара, 9кеч а дина, алссам дечиг суна охьадиллийтархьама. ХІунда аьлча аса деш долу цІа доккха а, исбаьхьа а ду. 10Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бІе эзар гали кІа а, бІе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагІар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а».
11Цора-гІалин паччахьо Хьирама, Сулиме жоп а луш, кехат яздира. Цо бохура: «Шен халкъе болчу безамна Везачу Эло цунна тІехь хьо паччахь дІахІоттийна». 12Хьирама кхин а элира: «Декъала ву стигала а, латта а кхоьллина волу Исраилан Дела волу Веза Эла! Везачу Элана лерина цІа а, шена паччахьан цІа а дан воллуш волу, хаарш а, кхетам а болуш волу хьекъале кІант Дауд-паччахьна веллера Цо. 13Хьекъал а долуш, говза стаг волу Хьирам-Аби-ЯхІу[6] воуьйту аса хьо волчу. 14Иза Данан тІаьхьенах йолчу зудчун кІант ву. Цуьнан да цорахо ву. Деших а, детих а, цІастанах а, эчигах а, тІулгах а, дечигах а, таьІна цІечу а, цІарула-цІечу а, сийначу а басахь долчу тех а, дуткъачу кІадих а хІуманаш ян а, хадорца хІуманашна тайп-тайпана куьцаш дан говзалла а ю цуьнан. Шега делла муьлхха а суртдаран гІуллакх кхочушдан тарлур ду цунна. Шена тІедиллинарг дерриг а кхочушдийр ду цо хьан а, сан олахо волчу хьан ден Даудан а говзанчашца цхьаьна. 15Ткъа хІинца, сан олахо, айхьа доуьйтур ду аьлла кІа а, мукх а, зайтдаьтта а, чагІар а даийтахьа хьайн ялхой долчу тхуна. 16Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хІордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гІала дІакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дІахьур ду».

 

Везачу Элан цІа дан доладо

 

(Сулим 6:1-38)

 

17Шен дас Дауда доьзалийн цІераш дІаязъечу тептар тІе тІаьхьа Исраилан махка цу хенахь тІебаьхкина хилла болу берриг а нах дІаязбайтира Сулима. Уьш цхьа бІе шовзткъе кхойтта эзар ялх бІе стаг вара. 18Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тІулг баккхархо а, и халкъ балхана тІедерзадайта кхо эзар ялх бІе тІехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима.

 

 

3

 

1Ярушалаймерчу Мори-лам тІехь Везачу Элан цІа дан долийра Сулима. Оцу лома тІехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхІоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. 2Иза дара Сулима паччахьалла дечу доьалгІачу шеран шолгІачу беттан шолгІачу дийнахь. 3Сулима деш долчу Делан цІийнан бух иштта бара: бахалла – кхузткъа дол (ширачу дустарехь), шоралла – ткъа дол. 4ЦІийнан шораллехь цунна хьалха йина уче яра, ткъа дол шуьйра а, бІе ткъа дол лекха а йолуш. И уче чухула цІена деши диллина йинера. 5ГІишлон коьрта цІа баганан дечигах дина дара, тІехула деши а дуьллуш. Цу дешин тІехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зІенийн а суьрташ дехкира. 6ТІаккха, куц а доккхуш, тІехула деза тІулгаш дехкира. И деши Парвайм-махкара деана дара. 7ЦІенна а, цуьнан ханнашна а, неІсагІанашна а, пенашна а, корашна а, неІаршна а тІехула деши диллира, ткъа пенаш тІехь каруб-маликийн суьрташ дехкира. 8Везачу Элан цІа чохь, цуьнан шораллин бараме хьаьжжина, уггаре а еза чоь яйтира Сулим-паччахьо. Цуьнан яхалла а, шоралла а ткъатткъа дол яра. Цу цІа чу дахара цхьа эзар ши бІе пунт деши. 9Хьостамий а динера, хІора хьостам шовзткъе итт шекхал[7] деших а беш. Иштта лакха тІехь йолчу чоьнашна а деши диллира.
10Везачу Элан цІийнан уггаре а дезачу цІа чохь шина каруб-маликан сурт дайтира Сулима, царна тІе деши а дуьллуьйтуш. 11Каруб-маликийн беа тІоман йохалла ткъа дол яра. Цхьана каруб-маликан пхи дол хиллал беха болу тІам пенах хьакхалора, ткъа оццул беха болу важа тІам вукху каруб-маликан тІомах хьакхалора. 12Оццу барамехь болу шолгІачу каруб-маликан цхьа тІам а пенах хьакхалора, ткъа церан чухула долу тІемаш цІенна юккъехь вовшахкхетара. 13Оцу каруб-маликийн беа тІоман йохалла ткъа дол яра. Уьш шайн когаш тІехь лаьттара. Церан яххьаш Везачу Элан цІийнан йоккхачу хьалхарчу чоьнна тІе ерзийна яра. 14Иштта сийначу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а басахь долчу кІадих а, дуткъачу кІадих а кирхьа дайтира цо, цу тІехь каруб-маликийн суьрташ а дохкуьйтуш.

 

ЦІестан ши бІогІам

 

(Сулим 7:15-22)

 

15Везачу Элан цІенна хьалха цІестан ши бІогІам дІахІоттабайтира паччахьо. ХІора бІогІаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бІогІаман буьххье дилла цІастанах ши таж доьттира. Церан хІораннан а лакхалла пхиппа дол яра. 16Юьйцина зІенаш а яйтира цо, уьш шина бІогІамна тІе а йохкуьйтуш. Царна тІе, куц а доккхуш, наран цхьа бІе стоьман сурт диллийтира. 17ТІаккха и бІогІамаш Везачу Элан цІенна хьалха дІахІиттабайтира: цхьа бІогІам аьтту агІор, важа аьрру агІор. Аьтту агІор дІахІоттийначунна, «Якин» аьлла, цІе тиллира (иза «Дала дІахІоттор» бохучух тера ду). Аьрру агІор дІахІоттийначух «БоІаз» элира, (иза «Делан нуьцкъалалла» бохучух тера ду).

 

Везачу Элан цІа чохь лело йина хІуманаш

 

(Сулим 7:23-51)

 

4

 

1Иштта Сулим-паччахьо сагІа даккха лерина болу цІестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара. 2Лалийначу цІастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. 3ЦІастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кІел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггІара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. 4И яй цІастанах бинчу шийтта старана тІехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тІехьенаш ена кІел, юккъехьа, ерзийна яра. 5Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура. 6Иштта цІестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агІор, важа пхиъ къилбаседехьа агІор дІахІоттаяйтира, цу чохь дагоран сагІина деана дийнатийн дакъош цІандархьама. Ткъа цІестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цІанбалархьама.
7Хила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цІа чу биллийтира: пхиъ – къилбехьа агІор, важа пхиъ – къилбаседехьа агІор. 8Далла лерина долу бепиг тІедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цІа чохь пхиъ къилбехьа агІор, важа пхиъ къилбаседехьа агІор дІахІиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бІе кад а байтира.
9Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш. 10Чохь хи долу и боккха цІестан яй Везачу Элан цІийнан къилба-малхбалехьара агІор дІахІоттабайтинера Сулима.
11Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цІа чохь ша беш болу белхаш:
12ши бІогІам а,
царна гонах таьжнийн ши го а,
оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт а.
13Оцу бойнан шина суьрта тІе билла биъ бІе цІестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могІарехь оцу бІогІамашна тІе дехкинчу таьжнашна тІерачу бойнийн суьрташ тІе дехкира.
14КІелхІотторгаш а, царна тІеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а,
15цІестан боккха яй, цунна бухара шийтта цІестан сту а,
16тесаш, белаш, мІерий, церан массо а кхиболу гІирс а бира цо.

 

Сулим-паччахьан дехарца Хьирам-Аби-ЯхІус[8] Везачу Элан цІенна мел йина хІума а заьнгала динчу цІастанах йинера.
17И ерриг а хІума Йордан-хин тогІи чохь сацкъарах йинчу кепаш чохь йоттийтинера Сулим-паччахьо. Иза дара Сакхат а, ЦІардан а олучу меттигашна юккъехь. 18И хІуманаш вуно дукха яйтинера Сулима, цундела уьш еш дайинчу цІастанан барам буста а ца лора.
19Иштта Делан цІа чохь оьшур йолу массо а хІума яйтинера Сулим-паччахьо: дашо кхерч а, Далла лерина долу бепиг тІедуьллу стоьлаш а, 20церан къуьданашца болу а, цІеначу деших боьттина болу а стогарш (уьш, тІедиллина ма-хиллара, уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха латабора), 21зезагийн суьрташ а, чІурам хІотторгаш а, морзахаш а (и ерриг хІума а цІеначу деших йинера), 22цІеначу деших дина тукарш а, боганаш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллуш долу кедаш а, богуш болу кІора дІасабахьа нойш а. Делан цІийнан неІарш (уггар езачу чоьнан чуьра неІарш а, Делан цІийнан важа неІарш а) деших йинера.

 

 

5

 

1Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хІуманаш цу цІа чу ехкира Сулима. Делан цІийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хІуманаш а дІаелира цо.

 

Бертан тІорказ Делан цІа чу диллар

 

(Сулим 8:1-9)

 

2ТІаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тІекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. 3Иштта шеран ворхІалгІачу беттан дезачу деношкахь[9] дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. 4Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тІорказ схьаийцира. 5Бертан тІорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хІуманашца, схьа а эцна, дІадаьхьира динан дайша а, левихоша а. 6Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тІорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагІанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. 7Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а деана, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел, охьадиллира. 8Оцу маликийн суьртийн тІемаш цу тІорказна тІехула дІасадаржийна дара, цундела тІорказ а, цуьнан схьалоцу гІуркхаш а цара дІахьулдора. 9И гІуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агІор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю. 10Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. ТІулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тІаьхьа.

 

Везачу Элан сийлалла

 

11Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цІанбинера. 12Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. 13Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора:
«Веза Эла ма дика ву!
Цуьнан безам хедар боцуш бу!»
Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. 14И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гІуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цІа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.

 

Сулим-паччахь халкъе вистхилар

 

(Сулим 8:12-21)

 

6

 

1ТІаккха Сулима элира:
«Везачу Эло Шен боданехь Іан лаам бу аьллера.
2Ткъа аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна,
Хьо цу чохь абаденналц вахийта».
3Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира иза. 4ТІаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: 5„Мисар-махкара Сайн халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Я цхьа а адам ца хаьржира Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хилийта. 6Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“.
7Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. 8Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цІе язъян лерина долу цІа хІоттадан хьан чІогІа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. 9Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“.
10Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна. 11Везачу Эло Исраилан халкъаца бина барт тІеязбина йолу тІулгийн экъанаш шена чохь Іуьллу тІорказ цу цІа чу охьадиллина аса».

 

Сулима дина доІа

 

(Сулим 8:22-53)

 

12ТІаккха, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха Сулим-паччахьо шен куьйгаш хьалаайира. 13Кертана юккъехь хьалаайаелла йолу цІестан лакхе яйтинера Сулима. Цуьнан яхалла а, шоралла а пхиппа дол яра, ткъа лакхалла кхо дол яра. Сулима, цу тІе а ваьлла, схьагулбеллачу массо а исраилхошна хьалха гора а вахана, шен куьйгаш стигала хьалакховдийра. 14Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьахІиттинчу Хьайн лешна. 15Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. 16Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара, товрат-хьехамца а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. 17Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Веза Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош.
18Амма бакъдерг аьлча, Делан Іойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІоттийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. 19Делахь а, дІахозийла Хьуна сан доІа а, Хьан лай волчу сан дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доІанан а. 20Ахьа Хьайн цІе кху чохь хир ю аьллачу хІокху цІенна тІе боьгІна хуьлийла Хьан бІаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. 21ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІанаш а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна.
22Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоттавахь, хІокху Хьан цІа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. 23ТІаккха стигалахь волчу Ахьа, дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг жоьпе а озош, цаьргара даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларе терра цунна доггІург а деш.
24Масала, Хьан Исраилан халкъ Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагІчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цІа чохь волчу Хьоьга доІанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, 25стигалшкахь церан доІа дІа а хазий, гечдехьа хІокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха царна а, церан дайшна а делла долчу лаьтта тІе уьш юхаберзабехьа.
26Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. 27ТІаккха, доьху Хьоьга, стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна деллачу хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа даийтахьа.
28Нагахь хІокху лаьтта тІе адамашна я мацалла тІеягІахь, я адамаш хІаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хІума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дІадаккхахь, я цІоз, я нІаьна тІелатахь, я шайн лаьтта тІехь адамаш Іен ца дуьтуш, мостагІий тІегІортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, 29тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шен лазарш а гина, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, 30доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалахь, церан доІа дІа а хазий, царна геч а дехьа, гІо а дехьа. ХІора стагана а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, цунна доггІург дІалохьа, хІунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. 31Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама а, Хьан некъашкахула лелийтархьама а, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха.
32Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш а догІур ду Хьан цІеран дуьхьа. ХІунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цІарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а, Хьан схьакховдийначу куьйгах лаьцна а. Уьш а богІур бу, кху Хьан цІенна тІе а бирзина, доІанаш дан. 33ТІаккха, доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара дерриг а халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар.
34Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гІой, шайн мостагІех лата аьлла. Масала, хІокху Ахьа хаьржинчу гІаланехьа а, Хьан цІе язъян лерина дІахІоттийначу цІенна тІе а бирзина, цара Хьоьга доІанаш дахь, 35доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш.
36Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. 37Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. 38Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІе а бирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, 39ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. Хьан халкъо Хьуна хьалха летийначу къиношна гечдехьа.
40Сан Дела! Хьан бІаьргаш а хуьлийла дІабиллина, Хьан лергаш а хуьлийла сема кху меттехь дечу доІанашна. 41Ткъа хІинца, Веза Дела, Хьо Іийр волчу метте дІахІоттахьа – Хьо а, Хьан нуьцкъалаллин тІорказ а. Хьан динан дай кІелхьарбахар, духар санна, тІедуьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш Хьан диканах баккхийбеш хуьлийла. 42Веза Дела! Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тІера дІа ма ерзаехьа. Дагадаийтахьа Хьайн лай волчу Даудана Ахьа Хьайн безам кховдийна хилар».

 

Везачу Элана лерина дина ЦІа

 

(Шамъал 8:62-66)

 

7

 

1Сулим-паччахь доІа дина ваьлча, стигалара цІе йоьссира, сагІин кхерча тІера дагош долу сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а Дала тІеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира. 2Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦІа чу ца бахалора. 3И охьайоьссина цІе а, цу Везачу Элан ЦІенна тІе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а. 4Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагІа даьккхира. 5Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бІе ткъа эзар уьстагІ а беара сагІина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цІа даздира. 6Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гІирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гІирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маІаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь. 7Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора.
8Цу хенахь ворхІ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Іинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. 9ВорхІ дийнахь Везачу Элана сагІа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхІ дийнахь четаршна чохь Іаш долу денош а даздира, ткъа цул тІаьхьа тІедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тІаьхье йира. 10ТІаккха ворхІалгІачу беттан ткъе кхоалгІачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цІа дІадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.

 

Веза Эла Сулим-паччахьна кхин цкъа а дуьхьалхІоттар

 

(Сулим 9:1-9)

 

11Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦІа а, паччахьан цІа а. Везачу Элан ЦІенна тІехь а, шен цІенна тІехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо. 12ТІаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хІоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доІа хезира. ХІинца Аса Сайна къастайо хІара меттиг, хІокхунах сагІа доккху цІа хилийтархьама. 13Нагахь Аса, стигал дІа а къевлина, догІа ца даийтича а, я цІоз тІе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хІаллак а деш, цамгар яржийча а, 14Сан долахь долу халкъ Суна муьтІахь хилла, доІанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тІера дІа а далахь, тІаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. 15ХІинца дуьйна Сан бІаьргаш а дІадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доІанашна. 16ХІинца дуьйна Ас даздина хІара ЦІа, Сайн цІе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бІаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь. 17Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тІедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь, 18Ас чІагІдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чІагІо еш ма-аллара: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. 19Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тІера дІа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гІуллакх деш, царна корта беттахь, 20тІаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тІера Исраилан халкъ орамашца дІадоккхур ду Ас. Ткъа хІара Сайн цІе язъян Айса къобалдина ЦІа Сайна дуьхьалара дІадоккхур ду. ТІаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цІе йохуьйтур ю Ас хІокху Сайн цІийнан.
21Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“
22Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дІа а тесна, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“».

 

Сулиман сийлахь гІуллакхаш

 

(Сулим 9:10-28)

 

8

 

1Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа а, шен паччахьан цІа а дечу юкъана ткъа шо дІаделира. 2Цул тІаьхьа шена Хьирама елла гІаланаш а юхаметтахІиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима. 3ТІаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дІалецира цо. 4Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гІала а, тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гІаланаш а дІахІиттийра Сулима Хьамат-махкахь. 5Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цІе йолу чІагІйина гІаланаш дІахІиттийра Сулима, гонах пенаш а, дІакъовлуш долу кевнаш а деш. 6Иштта, юхаметтахІоттийра цо БаІалт-гІала а, шен долахь йолу тІаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гІаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 7Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а, 8тІаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу. 9Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара. 10Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тІехь урхалла дан дІахІоттийна ши бІе шовзткъе итт стаг хилла.
11Ткъа пирІунан йоІ, Даудан гІалара дІа а яьккхина, цунна ша динчу цІа чу яьккхира Сулима. ХІунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цІа чохь сан зудчун соьца Іан йиш яц, Везачу Элан тІорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела».
12Везачу Элан цІенна хьалха сагІа даккха ша дІахІоттийначу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Сулима. 13Сулима дийнаташ дагоран сагІанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуІот цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а. 14Шен дас Дауда тІе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дІахІиттийнера шен-шен рогІехь гІуллакх дан. Иштта левихой а дІахІиттийнера цо, хастамаш барна тІехь куьйгалла дан а, хІора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гІо дан а. ХІора кевнехь дІахІиттийна гІаролхой хилла, шен-шен рожехь гІарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда. 15Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тІедиллинчу цхьанна а хІуманна тІехь а, хазнашна дола дарна тІехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара.
16Сулим-паччахьан берриге а белхаш – Везачу Элан цІийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц – кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цІа.
17ТІаккха Іецйон-ГІебаррий, Элаттий гІаланашка вахара Сулим. И гІаланаш хІордан йистерачу эдомхойн махкахь яра. 18Шен ялхошкахула хІордкеманаш а, хІордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бІе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара.

 

Шеба-махкара зуда-паччахь

 

(Сулим 10:1-13)

 

9

 

1Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цІе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тІехь доьттина деана хаза хьожа йогІучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тІулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. 2Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. 3Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цІа а. 4Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш йолу хІусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагІардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, иза чІогІа инзаръяьллера.
5Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. 6Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. 7Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! 8Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гІанта тІе, Шен цІарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чІагІдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хІоттийна, цу халкъана тІехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».
9Сулим-паччахьна ши бІе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогІучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тІулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогІу хІуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера.
10Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цІен дечиг а, деза тІулгаш а деанера. 11Оцу цІечу дечигах Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІейоьду тІегІанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхІуд-махкахь хІетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг.
12Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

 

Сулим-паччахьан хьал

 

(Сулим 10:14-25)

 

13Сулим-паччахьна хІора шарахь цхьа эзар кхо бІе ткъе шийтта пунт деши дахьара. 14Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Іаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна. 15ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал[10] туьйсина деши дахнера. 16Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана кхо бІе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо.
17Пийлан кІомсарех доккха паччахьан гІант дайтира паччахьо, цунна тІе а цІена деши диллира. 18Оцу гІантана тІеваха йиллина ялх тІегІа яра. ГІантаца хоьттина йина дашо когийн кІело яра. ГІантан шина а агІор куьйган голахІотторгаш яра, царна хІоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара. 19Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тІегІанна шинна а агІор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гІант хІетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.
20Сулим-паччахьан хьеший тІеоьцуш лелош йолу пхьегІаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цІе йолчу цІенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хІуманаш а ерриг а цІеначу деших йина яра. Детих йина хІумма а яцара, хІунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чІогІа лахара бара. 21Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хІордахоша леладора и кеманаш. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.
22Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. 23Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. 24ХІора шарахь дукха адам догІура, Сулим гархьама. Шаьш догІуш царах хІораммо а совгІаташ дахьара: детих, деших йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш.
25Йиъ эзар[11] гІудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин[12] а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Іаш волчу Ярушалаймехь а, гІудалкхаш дІахІитточу гІаланашкахь а дІатарйинера уьш. 26Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. 27Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. 28Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.

 

Сулим-паччахьан дІакхалхар

 

(Сулим 11:41-43)

 

29Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тІера тІаьххьарлерачунна тІекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тІехь а, шилунхо волчу АхьъяхІуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатІан кІантах ЯрбаІамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯІду-пайхамарна дуьхьал хІуьттучу суьрташкахь а. 30Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тІехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 31ТІаккха Сулим-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен ден Даудан гІалахь дІавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кІант РахьбуІам.

 

Къилбаседера тайпанаш карзахдахар

 

(Сулим 12:1-20)

 

10

 

1РахьбуІам Шехем-гІала дІавахара, хІунда аьлча берриге а исраилхой цига дІабаханера, иза паччахь дІахІотторхьама. 2Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Іаш волу НабатІан кІант ЯрбаІам, иза дІахезча, цигара цІа вирзира. 3Цара, ЯрбаІамна тІе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТІаккха ЯрбаІам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуІам волчу дІадахча, халкъо цуьнга элира: 4«Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гІуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хІинца дайдехьа. ТІаккха оха хьуна хьалхара гІуллакх дийр дара».
5РахьбуІама цаьрга элира: «Кхо де дІадаьлча, юхадуьйла суна тІе». Халкъ дІадахара.
6РахьбуІам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гІуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуІама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хІун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.
7Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».
8Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуІама дІатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гІуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза. 9Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хІун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“»
10РахьбуІамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тІедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цІазапІелг сан ден гІодаюкъал а стомма бу. 11Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна“».
12Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаІам а, дерриг халкъ а кхозлагІчу дийнахь РахьбуІамна тІедеара. 13Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дІа а теттина, 14кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуІама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна». 15Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
16Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догІар шайна гича, паччахье элира:
«Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац!
Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай!
Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой.
Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!»
Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. 17Ткъа РахьбуІама ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь Іаш болчу исраилхошна тІехь паччахьалла дира.
18Цо белхалошна тІехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тІе, амма исраилхоша иза, тІе тІулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуІам сихха гІудалкха чу хиира, Ярушалайме дІавадархьама. 19Иштта тахханалц а Даудан цІенна дуьхьалбевлла Іаш бу исраилхой.

 

ШамІа-ЯхІу-пайхамаро бина хаам

 

(Сулим 12:21-24)

 

11

 

1РахьбуІама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхІудан а, Бен-Яманан а цІийнах волу цхьа бІе везткъа эзар тоьлла тІемало схьагулвира. Исраилан цІийнах болчаьрца тІом а бина, РахьбуІаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза. 2ШамІа-ЯхІу цІе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира: 3«Сулиман кІант волчу яхІудхойн паччахье а, ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Іаш болчу массо исраилхошка а дІаала: 4„Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тІом бан ма гІолаш. ХІорра а шен-шен цІа юхаверза, хІунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, ЯрбаІамца тІом бан баханчуьра уьш юхабирзира.

 

РахьбуІама шен гІаланаш чІагІйо

 

5РахьбуІам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхІуд-махкарчу гІаланашна чІагІонаш яйтира цо. 6Иштта Байтлахам а, ІайтІам а, ТакхоІ а, 7Байт-Цур а, Соха а, Іадулам а, 8Гати а, Мареша а, Зип а, 9Адорайм а, Лахиш а, Іазекхи а, 10ЦорІа а, Айлон а, Хьеврон а гІаланаш чІагІйира РахьбуІама. ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чІагІйина гІаланаш яра. 11Церан лардаран таронаш чІагІ а йина, царна тІехь хьаькамаш а хІиттийна, кхача, даьтта, чагІар чохь латто гІишлош нисйира РахьбуІама. 12ХІора гІалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чІагІйира цо и гІаланаш. РахьбуІаман карахь дара ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.

 

Динан дай а, левихой а Исраил-махкара ЯхІуд-махка дІабахар

 

13Исраил-махкахь массо а маьІІехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуІам волчу схьагулвелира. 14Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хІунда аьлча ЯрбаІама а, цуьнан кІенташа а Везачу Элана гІуллакх деш болчуьра дІабаьхнера уьш. 15СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цІушна Іамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаІама. 16Левихой баьхкинчул тІаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тІедерзийна болу Исраилан хІора тайпанах болу нах Ярушалайме богІура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагІа даккхархьама. 17ЯхІудан пачхьалкх чІагІ а еш, Сулиман кІант волчу ЯрбаІамехьа а болуш, Іийра уьш кхаа шарахь. ХІунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.

 

РахьбуІаман доьзал

 

18Шен да Даудан кІант Еримати волу а, нана Юшайн кІентан Элиабан йоІ Абу-ХІаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуІам-паччахьо. 19Махьалата РахьбуІамна кІентий бира: ЕІуш, Шамар-ЯхІу, ЗахІим. 20Махьалатал тІаьхьа Абушаламан йоІ МаІха ялийра шена РахьбуІама. Аби-ЯхІу, Атай, Зиза, Шалумати цІераш йолу кІентий бира МаІхас РахьбуІамна. 21МаІха шен массо а зудчул а, гІарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуІамна. Цуьнан берхІитта зуда а, кхузткъа гІарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархІ кІант а, кхузткъа йоІ а йинера цунна. 22Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дІахІоттийнера РахьбуІама МаІхин кІант Аби-ЯхІу, хІунда аьлча иза шел тІаьхьа паччахь хІотто дагахь вара РахьбуІам. 23Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхІудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чІагІйинчу гІаланашкахула дІасахьажийра цо шен кІентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо.

 

Мисархой ЯхІуд-махка чугІортар

 

(Сулим 14:25-28)

 

12

 

1Шен паччахьалла дІа а хІоттийна, ша чІагІвелча, РахьбуІама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дІатесира. 2РахьбуІама паччахьалла до пхоьалгІа шо долуш, исраилхой Шех дІабирзина Дела, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тІелатийтира Везачу Эло. 3Цхьа эзар ши бІе гІудалкх а, кхузткъа эзар дошло а валийра Шушакха шеца. Ткъа цо Мисарара далийна эскар-м дагар а ца далора. Царна юкъахь ливахой а, сукхихой а, хушахой а бара. 4ЯхІуд-махкара чІагІйина гІаланаш схьа а яьхна, Ярушалайме веара Шушакх.
5ТІаккха РахьбуІамна а, Шушакхах бевдда Ярушалаймехь гулбеллачу яхІудхойн куьйгалхошна а тІе ШамІа-ЯхІу-пайхамар веара. Цо цаьрга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аша Со дІатесира, цундела Аса шу а, дІа а тесна, Шушакхан кара дІало“».
6Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!»
7Къа леторна уьш къера хилар Шена гича, Везачу Элан хІара дош кхечира ШамІа-ЯхІуга: «Шаьш къинош летадарна уьш къера хиларна, хІаллакбийр бац Аса уьш, кестта кІелхьар а бохур бу. Шушакхехула кхочушйийр яц Аса Ярушалаймана Сайн йолу оьгІазалла. 8Амма исраилхой Шушакхан ялхой хир бу, Суна гІуллакх дарна а, лаьттарчу паччахьашна гІуллакх дарна а юкъахь хІун башхо ю царна хаийтархьама».
9Ярушалаймана тІе а летта, Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІума дІаяьхьира мисархойн паччахьо Шушакха. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. 10Церан метта РахьбуІам-паччахьо цІестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цІийнан ков лардечу гІаролхойн хьаькамийн караделира. 11Паччахь хІоразза а Везачу Элан цІа чу волуш, гІаролхой, и турсаш схьа а оьций, цуьнца богІура. Цул тІаьхьа гІаролхойн цІа чу шен метте охьадохкура цара уьш. 12РахьбуІам къера хиларна, Везачу Элан оьгІазло цунна тІера дІа а елира, Дала иза кхоччуш дакъаза а ца ваьккхира. Ткъа ЯхІуд-махкахь дика гІуллакхаш хуьлура.

 

РахьбуІама паччахьалла динчу хенан жамІ хІоттор

 

13Иштта, Ярушалаймехь, чІагІвелла дІа а хІоьттина, паччахьалла дира РахьбуІама. Иза паччахь дІахІуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цІе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира РахьбуІама. Цуьнан ненан цІе яра НаІмат. Иза Іамминхо яра. 14Шен дог Веза Эла лахарна тІе ца дерзийна дела, зуламе дерг дора РахьбуІама.
15РахьбуІам-паччахьо динчу хІуманех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарлерчунна тІекхаччалц, яздина ду ШамІа-ЯхІу-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Іиду-пайхамаран а тептарш тІехь, доьзалийн схьадаларх лаьцна долчу декъа тІехь. РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь, уьш дийна мел бу, тІом лаьттира. 16РахьбуІам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. РахьбуІаман метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Аби-ЯхІу.

 

Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь хилла тІом

 

(Сулим 15:1-8)

 

13

 

1ЯрбаІама исраилхошна тІехь паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, Аби-ЯхІу яхІудхойн паччахь хилла дІахІоьттира. 2Ярушалаймехь кхаа шарахь паччахьалла дира цо. Аби-ЯхІун ненан цІе МаІха яра. Иза гебаІхо волчу Уриалан йоІ хилла.
Аби-ЯхІуна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом бара. 3Аби-ЯхІус шен эскар тІаме арадаьккхира. Цу эскарехь виъ бІе эзар майра тІемало вара. Ткъа ЯрбаІам, шеца бархІ бІе эзар майра тІемало а валош, тІамца цунна дуьхьалвелира.
4Эпрайм-лаьмнашкарчу ЦІемарайм олучу цхьана гу тІе а ваьлла, Аби-ЯхІус бохура: «ЯрбаІам а, массо а исраилхо а, ладогІийша соьга! 5Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тІаьхьенах болчарна а Исраилна тІехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тІехь чІагІбина болу барт барца? 6Амма Даудан кІентан Сулиман ялхо волчу НабатІан кІант ЯрбаІам, карзах а ваьлла, шен олахочунна дуьхьалваьлла. 7Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаІамна гонах а бевлла, Сулиман кІантана РахьбуІамна дуьхьал а бевлла, чІагІбелира. Ткъа къона а, дагна кІеда а волу РахьбуІам царна дуьхьал ца латтавелира. 8ХІинца шаьш вуно дукха долу дела а, ЯрбаІама шун деланаш бина долу дашо эсий шайца долу дела а, Даудан тІаьхьенах болчеран карахь йолчу Везачу Элан пачхьалкхана дуьхьал шаьш латталур ду моьттуш хир ду шу? 9Ткъа аша лелхийна бац левихой а, АхІаронан тІаьхьенах болу Везачу Элан динан дай а, шайна юкъара динан дай дІа а хІиттийна, кхечу мехкашкарчу къаьмнаша уьш шайна юкъара дІахІиттош ма-хиллара? Ша къобалвайта эса а, ворхІ ка а бахьаш веана волу милла а, харцделанийн динан да а вой, дІахІоттаво аша.
10Ткъа тхох лаьцна аьлча – Веза Эла ву тхан Дела. Оха Иза дІа а ца тесира. Везачу Элана лерина гІуллакхаш кхочушдеш болу динан дай АхІаронан тІаьхьенах бу, ткъа левихоша царна гІо до церан балха тІехь. 11Цара хІора Іуьйранна а, суьйранна а дийнаташ дагоран сагІа а доккху, хаза хьожа йогІу хІума а ягайо, Далла гергахь цІанйинчу стоьла тІе моггІара бепиг охьа а дуьллу, хІора суьйранна дашочу стогарна чуьра къуьданаш а латабо. Цу тайпана вайн Везачу Дала тІедиллинарг оха кхочушдо, ткъа аша Иза дІатесна. 12Хьажал шайна, Дела Ша ву тхан куьйгалхо, ткъа Цуьнан динан дай кийчча лаьтташ бу, шайн турбанашца орца даккхар хазийта, шуна дуьхьал тІом бархьама. Исраилхой! Шайн дайн Дела волчу Везачу Элаца тІом ма белаш, хІунда аьлча цу тІехь шун толам хир бац».
13Амма и бохучу хенахь ЯрбаІама шен тІемалой бахийтинера тІехьахула яхІудхошна кІело ян. Иштта, ша яхІудхошна хьалха а хуьлуш, ткъа кІело ян бахийтинарш царна тІехьа а хуьлуш, нисвелира ЯрбаІам. 14ЯхІудхой юхахьаьжира – царна хьалха а, тІехьа а дІабоьдуш тІом бара. Уьш Везачу Эле кхайкхира, ткъа динан дайша турбанаш лекхира. 15ЯхІудхоша тІеман цІогІа туьйхира. Цара цІогІа тоьхча, Аби-ЯхІуна а, яхІудхошна а хьалха ЯрбаІам а, берриге исраилхой а Дала эшийна дІабехира. 16Исраилхой яхІудхойх дІабевдира. Дала уьш яхІудхойн карабахийтира. 17Аби-ЯхІус а, цуьнан эскаро а боккха эшам бира исраилхошна – царах тоьлла волу пхи бІе эзар тІемало велира. 18Иштта цу дийнахь исраилхой сийсазбинера, ткъа яхІудхошка толам баккхийтинера, уьш шайн дайн Дела волчу Везачу Элах тешна лелаш хилла болу дела.
19ЯрбаІамна тІаьхьа а ваьлла, цхьайолу цуьнан гІаланаш схьаехира Аби-ЯхІус: Бетал-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Ишана-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а, Іепрайн-гІала а, цуьнца йоьзна ярташ а. 20Аби-ЯхІу дийна волчу ханна кхин чІагІ ца делира ЯрбаІаман олалла. Везачу Эло вожийна, иза велира.
21Ткъа Аби-ЯхІун паччахьалла чІагІделира. Цо шена ейтта зуда ялийра. Цуьнан ткъе шиъ кІант, ялхитта йоІ хилира. 22Аби-ЯхІун кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна – яздина ду Іиду-пайхамаран хьехамечу тептар тІехь.

 

14

 

Аса-паччахьо хушахой эшабар

 

1Аби-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Аби-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Аса. Цо паччахьалла динчу заманчохь махкахь итт шарахь машар лаьттира. 2Аса-паччахьо шен Везачу Далла дика а, нийса а хеташ долу гІуллакхаш дора. 3Хийрачу деланашна сагІа доккху меттигаш а, царна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а дІадехира Асас. Иштта харцделанашна хІиттийна тІулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра. 4Шайн дайн Дела волу Веза Эла лахар а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардар а тІедиллира Асас яхІудхошна. 5Иштта массо а яхІудхойн гІаланашкахь кхиболчу деланашна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а, цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго меттигаш а дІаехира цо. Аса паччахь волчу юкъана пачхьалкх маьрша яра. 6ЯхІуд-махкахь йолу гІаланаш, чІагІйина, дІахІиттийра, мохк цу хенахь маьрша болу дела. Цу шерашкахь Асин махкахь тІом бацара, Везачу Эло цунна маршо елла дела. 7Асас яхІудхошка элира: «ХІара гІаланаш, дІа а хІиттийна, царна гонах пенаш дийр ду вай, шайна тІехь бІаьвнаш а йолуш. Иштта кевнаш а дийр ду, царна тІе гІораш а дохкуш. ХІара латта хІинца а вайн долахь ду, хІунда аьлча вайн Веза Дела вай лийхира. Вай Иза лехна дела, Цо вайна массо а агІор маршо а елла». Цара гІаланаш а дІахІиттайора, церан кхиамаш а хуьлура. 8Аса-паччахьан иштта эскар дара: ЯхІудан тайпанах карахь даккхий турсашший, гоьмукъашший долу кхо бІе эзар тІемало а, Бен-Яманан тайпанах карахь кегий турсаш долу а, пхерчий кхуьссуш волу а ши бІе везткъа эзар тІемало а. Уьш массо а майра тІемалой бара.
9Царна тІамца дуьхьалвелира хушахо волу Зерахь. Цуьнан эзарнашкахь-эзарнаш болу тІемалой а, кхо бІе гІудалкх а яра. Иза Мареша-гІала кхаччалц дІавахара. 10Аса-паччахьо, тІамца цунна дуьхьал а ваьлла, шен эскар Мареша-гІалина уллорачу Цепата олучу тогІи чохь дІахІоттийра. 11Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол».
12Асина а, яхІудхошна а хьалха эшийра Везачу Эло хушахой. Уьш бевдира. 13Аса-паччахь а, цуьнца долу эскар а ГІарар-гІала кхаччалц царна тІаьхьаделира. Кхин юхаметта ца хІоттал дукха бара хушахойх хІаллакбинарш. Везачу Элана а, Цуьнан эскарна а хьалха бохийнера уьш. ЯхІудхоша шайна шортта хІонс яьккхира. 14Иштта ГІарарна гонах йолу гІаланаш а йохийра цара, хІунда аьлча Везачу Элера къемат доьссинера царна тІе. Оцу массо а гІаланашкара хІонс араяьккхира цара, хІунда аьлча царна чохь дуккха а хІума яра. 15ЖаІуйн четаршна тІе а летта, шайца дуккха а жаш а, эмкалш а ялош, Ярушалайме юхабирзира уьш.

 

15

 

Аса-паччахьо дина юхаметтахІиттораш

 

1Іудадан кІантана Іазар-ЯхІуна тІе Делан Са доьссира. 2Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. 3Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой. 4Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тІебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура. 5Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хІунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара. 6Халкъаш вовшашна тІелетара, гІаланаш вовшашна тІегІертара, хІунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тІе а бахкийтина, адамаш гІайгІане хьийзара. 7Амма шу чІагІ а лойла, шун куьйгаш гІел а ма лойла, хІунда аьлча аша динчу гІуллакхашна ял лур ю шуна».
8И дешнаш а, Іудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дІахезча[13], дог иракарахІоьттира Асин. Цо ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тІера ша схьаяьхначу гІаланашкара а дегаза цІуш дІабехира. Везачу Элан цІенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагІа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.
9Массо а яхІудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимІин а тайпанашкара болу нах тІегулбира цо, хІунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. 10Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгІачу шеран кхоалгІа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира. 11Шаьш яьккхинчу хІонсана юкъара ворхІ бІе бежана а, ворхІ эзар уьстагІ а Везачу Элана сагІина беара цара цу дийнахь. 12Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. 13Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь. 14Турбанашший, маІашший лоькхуш, чІогІа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара. 15Массо а яхІудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хІунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агІор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
16Ур-атталла шен ден нана МаІха а паччахьан цІе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бІогІам дІахІотторна. И дегаза цІу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогІи чохь вагийна дІаваьккхира Аса-паччахьо. 17Исраил-махкахь сагІа доккху гунаш цо дІа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса. 18Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегІаш а, дато а, дашо а хІуманаш а Делан цІа чу ехкира Аса-паччахьо. 19Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгІа шо тІекхаччалц тІом бацара.

 

Асас а, Бен-Хьадида а бина барт

 

(Сулим 15:17-22)

 

16

 

1Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь БаІша ЯхІуд-махкана тІелетира. Цо Рама-гІала чІагІйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тІера ара а, я цу тІе а ца валийтархьама. 2Везачу Элан а, паччахьан а цІенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Іаш волчу Арам-мехкан[14] паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура: 3«Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаІшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тІегІоьртина волчуьра дІавалийтархьама».
4Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгІира Бен-Хьадида. Цо шен тІеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гІаланашна тІелата. Цара толам баьккхира Іаюн а, Дан а, Абал-Майм а гІаланашна а, Наптал-махкарчу тІаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гІаланашна а тІехь. 5И дерриг а шена хезча, Рама-гІала чІагІъяр саца а дина, шен болх битира БаІша-паччахьо. 6Ткъа Аса-паччахьо массо а яхІудхой схьагулбира. БаІшас Рама-гІала чІагІъеш лелош болу тІулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаІ-гІала а, МицІпа-гІала а чІагІйира Аса-паччахьо.

 

Хьанани-пайхамаро бина тІехтохамаш

 

7Цу хенахь яхІудхойн паччахьна Асина тІе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тІетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тІетевжина дела, хьан карара дІадели арамхойн паччахьан эскар. 8Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гІудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тІетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера. 9ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». 10Асас, аьллачунна эргІа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгІаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.

 

Асин цамгар а, валар а

 

(Сулим 15:23,24)

 

11Аса-паччахьо динчу гІуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тІера тІаьххьарчунна тІекхаччалц, яздина ду яхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь. 12Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгІа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чІогІа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тІе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гІо дар лийхира Аса-паччахьо. 13ТІаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгІа шо долуш, Аса-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. 14Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра.

 

17

 

ЯхІушапти паччахь дІахІоттор

 

1Асин метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІушапти. Иза исраилхошна дуьхьал чІагІвелла дІахІоьттира. 2ЯхІуд-махкарчу чІагІйина дІахІоттийначу ерриге а гІаланашкахь эскарш дІахІиттийра цо. Иштта ЯхІуд-мехкан а, цуьнан дас Асас шен дола баьхна хиллачу Эпрайм-мехкан гІаланашкахь а эскаран тобанаш дІахІиттийра ЯхІушаптис. 3Ша паччахьалла дан волавеллачу юьхьарчу хенахь шен дайх волу Дауд хьалха лелла хиллачу некъашкахула а лелаш, ЯхІушапти БаІалан цІушна тІаьхьа ца хІоьттина дела, цуьнца Веза Эла вара. 4ЯхІушаптис, исраилхоша лелориг а ца лелош, шен ден Дела а лоьхура, иза Цуьнан весеташца а лелара. 5Везачу Эло ЯхІушаптин карахь йолу пачхьалкх чІагІйира. ЯхІудхоша массара а ЯхІушаптина совгІаташ кхоьхьура. Цуьнан дуккха а хьал а дара, сийлалла а лакхаделира. 6Везачу Элан некъахула лела даггара тІевирзина вара ЯхІушапти. ЯхІуд-махкара сагІа доккху гунаш а, Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а дІадехира цо.
7Ша паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь баьччанаш болу Бен-Хьайл, Іабди-ЯхІу, Закри-ЯхІу, Натунаил, Мика-ЯхІу яхІудхойн гІаланашкахула халкъана хьехамаш бан бахийтира ЯхІушаптис. 8Цаьрца цхьаьна хІара левихой бахийтира цо: ШамІа-ЯхІу, Натан-ЯхІу, Забди-ЯхІу, ІасахІал, Шамирамути, ЯхІуната, Адан-ЯхІу, ТІуби-ЯхІу, ТІуба-Адан-ЯхІу. Иштта динан дай болу Эли-ШамаІ а, Йорам а вахийтира ЯхІушаптис цаьрца. 9Везачу Элан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар карахь а долуш, хьоьхура цара ЯхІуд-махкахь. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахула чекх а буьйлуш, халкъана хьехарш дора цара.

 

ЯхІушапти-паччахьан нуьцкъалалла

 

10ЯхІушаптина дуьхьал тІом ца бечу ЯхІуд-махкана гонахарчу пачхьалкхашна тІехь Везачу Элан кхерам бара. 11ПІелаштамхошкара совгІаташ а, йолана дети а дахьара ЯхІушаптина. Іаьрбихоша жа даладора цунна: ворхІ эзар ворхІ бІе уьстагІ а, ворхІ эзар ворхІ бІе бож а. 12ЯхІушаптин хьал алсамдолуш дара. ЯхІуд-махкахула цо гІепаш а, тІаьхьалонна долу хІума дІадуьллу гІаланаш а йира. 13ТІаьхьалонна дІадиллина дуккха а хІума дара ЯхІушаптин яхІудхойн гІаланашкахь. Ткъа Ярушалаймехь доьналла долу дуккха а тІемалой а бара цуьнан. 14Иштта ю тІемалойн тобанаш, церан доьзалшка хьаьжжина. ЯхІудан тайпанарчу эзар тІемалочунна тІехь болу хьаькамаш хІорш хилла: хьаькам волу Іадани а, цуьнан кхо бІе эзар майра тІемало а; 15хьаькам волу ЯхІу-Хьана а, цуьнан ши бІе везткъа эзар тІемало а; 16хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тІеман гІуллакхна къобалдина волу а Зикрин кІант Іамси-ЯхІу а, цуьнан ши бІе эзар майра тІемало а. 17Бен-Яманан тайпанара хьаькамаш хІорш хилла: майра тІемало волу ЭлидаІ а, шайн карахь секхаІедаш а, каралоцу турсаш а долу цуьнан ши бІе эзар тІемало а; 18хьаькам волу ЯхІу-Забди а, карахь герз лелош волу цуьнан цхьа бІе везткъа эзар тІемало а. 19Уьш бара Ярушалайм-гІалахь паччахьна гІуллакх до тІемалой. Берриге а ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу гІаланашкахь паччахьо дІахІиттийна хиллачу тІемалойл сов бара уьш.

 

Ахьаб-паччахь а, Мика-ЯхІу-пайхамар а

 

(Сулим 22:1-28)

 

18

 

1ЯхІушаптин дуккха а хьал а дара, иза чІогІа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо. 2Масех шо даьлча, ЯхІушапти Шамран-гІала Ахьабана тІевахара. ЯхІушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхІушапти шегахьа ваккха гІоьртира, иза шеца цхьаьна ГалІад-махкарчу Рамат-гІалина тІелатийтархьама. 3Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхІудхойн паччахье ЯхІушаптига элира: «Хьо вогІур варий соьца ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата?»
ЯхІушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догІур ду тхо хьоьца тІаме!» 4ЯхІушаптис кхидІа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хІун боху хаттийтахьа».
5Исраилхойн паччахьо, виъ бІе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалІадерачу Рамат-гІала тІамца даха дезий те тхо, я ца деза те?»
Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза».
6ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай».
7Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву».
«Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис.
8ТІаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кІант Мика-ЯхІу схьавалош вола».
9Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а, шаьшшинна тІе паччахьан духарш а дуьйхина, хІорра а шен паччахьан гІанта тІе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гІалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дІахІиттина. 10КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». 11Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза».
12Мика-ЯхІуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хІораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа».
13Мика-ЯхІус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дІаэриг хиларх».
14Пайхамар паччахьна тІевеара. Паччахьо Мика-ЯхІу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхІу! Ваха везий те со тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала я ца веза?»
Мика-ЯхІу-пайхамаро паччахье элира: «ДІагІо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна».
15ТІаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чІагІо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хІумма а ма алахьара аьлла?»
16ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, берриг а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“».
17Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!»
18ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. 19Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тІеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тІамца ГалІадарчу Рамат-гІала а вахийтина, цигахь хІаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“. 20ТІаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ 21Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гІой, иштта де ахьа“.
22Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тІе бохам баийта сацам ма бина!»
23ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?»
24Мика-ЯхІус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна».
25Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхІу-пайхамар, схьа а лаций, гІалин хьаькамна Аминна тІе а, паччахьан кІантана Юашина тІе а вига. 26Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“».
27Мика-ЯхІус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугІийла аса аьллачуьнга!»

 

Ахьаб-паччахьан валар

 

(Сулим 22:29-35)

 

28Исраилхойн паччахь а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелетира. 29Ахьаб-паччахьо ЯхІушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тІера духар а хийцина, тІом дІаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тІедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тІе хийцина хІума а юьйхина, тІом дІаболийра исраилхойн паччахьо.
30Арамхойн паччахьо шен тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. 31ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхІушаптина тІелатархьама, цунна го бира. ЯхІушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гІо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, 32хІунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гІудалкхийн хьаькамаш цунна тІаьхьабевллачуьра севцира. 33Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина».
34Амма цу дерриг а дийнахь тІом чІогІа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тІеяллалц шен гІудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.

 

19

 

ЯхІус ЯхІушаптина бина тІехтохам

 

1ЯхІудхойн паччахь ЯхІушапти шен цІа Ярушалайме маьрша юхавоьрзуш вара. 2Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна. 3Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа».

 

ЯхІушаптис дина юхаметтахІиттораш

 

4ЯхІушапти Ярушалаймехь Іаш вара. Юха а, Беар-ШабаІ-гІалара дуьйна Эпрайм-лома тІекхаччалц дІа а вахана, шен халкъана тІе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тІеберзорна кхайкхам бора цо. 5ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу хІора а гІали чохь кхелахой дІахІиттийра ЯхІушаптис. 6Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хІун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гІуллакх тІехь Иза шуьца ву. 7Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».
8Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гІалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гІуллакхашка дІахІиттийра ЯхІушаптис[15]. 9Царна тІе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг. 10Шайн гІаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тІедеанчу муьлххачу а къовсамечу гІуллакх тІехь, иза цІий Іанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тІедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гІуллакхаш де, тІаккха аша къилахь дерг дийр дац. 11Коьрта динан да волу Іамар-ЯхІу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гІуллакхна тІехІоттийна ву. Ткъа ЯхІудан тайпанан баьчча волу ИсмаьІалан кІант Забди-ЯхІу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гІуллакхна тІехьажа хІоттийна ву. Иштта левихой оцу гІуллакхашна тІехь гІодийраш хир бу шун. ЧІагІдаларца кхочушде шайна тІедиллина гІуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».

 

20

 

Муабахошца болу тІом

 

1Цул тІаьхьа муабахой а, Іамминхой а, цаьрца цхьаьна цхьаболу маІунхой[16] а ЯхІушаптина тІамца чугІоьртира. 2Цхьаболчу геланчаша, схьа а баьхкина, ЯхІушаптига хаам бира: «Дуьрачу хІордан дехьара Эдом-махкара[17] хьуна дуьхьалдаьлла догІуш вуно доккха эскар ду. Хьаццон-Тамарехь бу уьш хІинцале а», – аьлла. (И меттиг кхечу тайпана Іейн-ГІади олуш ю.) 3Са бІарз а делла, ЯхІушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхІуд-махкахь марха кхаба дезар дІахьедира цо халкъе. 4ЯхІудхой Везачу Эле гІо деха схьагулбелира. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкара баьхкира уьш, Везачу Эле шайна гІо дар дехархьама. 5Везачу Элан цІийнан хьалха керлачу кертахь яхІудхойн а, ярушалаймхойн а гуламехь, дІа а хІоьттина, 6ЯхІушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тІехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чІагІо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! 7Тхан Дела, Ахьа ца лаьхкира кху мехкан бахархой Хьайн Исраилан халкъана хьалха, и латта Хьайн доттагІа волчу ИбрахІиман хІуна гуттаренна а дІа а луш? 8Ткъа уьш цигахь баха хевшира. Хьуна лерина деза цІа а дина, цара бохура: 9„Нагахь санна тхуна тІе цхьа бохам хІоттахь: хуьлийла иза я таІзар деш долу тур, я цамгарийн ун, я мацалла, тІаккха тхо хІокху цІенна хьалха Хьуна хьалха дІахІуьттур ду, хІунда аьлча Хьан цІе кху цІа чохь ю. Тхо гаттаделла хьаьвзича, Хьоьга кхойкхур ду. Ткъа Ахьа, тхо дІа а хезна, кІелхьардохур ду“.
10ХІинца Іамминхой а, муабахой а, СеІир-ломара бахархой а тхуна тІелеташ бу. Ткъа Мисар-махкара тхан дай арабевлла схьабогІучу хенахь, Ахьа уьш оцу халкъийн мехкашкахула чекх ца бовлийтира. Цундела тхан дай, царах дІа а бирзина, и халкъаш хІаллакдаза дитинера. 11Ткъа хІинца уьш тхуна бекхам беш бу, Ахьа тхан дола схьаделлачу лаьтта тІера тхо дІалахка а баьхкина. 12Тхан Дела! Ахьа кхел ехьа царна. ХІунда аьлча тхуна тІегІоьртинчу оццул дукха болчу царна дуьхьалдовла ницкъ бац тхан. Тхаьш хІун дан деза ца хаьа тхуна, амма тхан бІаьргаш Хьоьгахьа бирзина бу!»
13Везачу Элана хьалха лаьтташ бара яхІудхойн берриге а божарий шайн карарчу берашца а, зударшца а, улло даьхначу берашца а. 14Цу хенахь Матан-ЯхІун кІант волчу ЯІиалан кІентан БенъяхІун кІант волчу Закри-ЯхІун кІантана Яхьазиална тІе гуламна юккъехь Везачу Элан Са доьссира. Яхьазиал Асайпан тІаьхьенах волу левихо вара. 15Цо элира: «Массо а яхІудхой, Ярушалайман бахархой, ЯхІушапти-паччахь, ладогІалаш соьга! Везачу Эло шуьга иштта боху: „Оцу вуно доккхачу эскарх кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила, хІунда аьлча и тІом шун бац, иза Делан тІом бу. 16Шу кхана царна дуьхьал дІагІо. Уьш Циц-Іинехула хьалабевр бу. ТогІина йистехь Яруал цІе йолчу яьссачу аренга дІакхоччуш карор бу шуна уьш“. 17Ткъа хІинца аша бан ца беза и тІом. Шу, дІа а хІиттий, хьоьжуш Іе шайна Везачу Элера хир долчу кІелхьардовларе. ЯхІудхой, Ярушалаймхой! Шу кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила. Шу кхана царна дуьхьалдовла, ткъа Веза Эла шуьца хир ву».
18ТІаккха ЯхІушаптис лаьтта кхаччалц корта охьатаІийра. Иштта берриге а яхІудхой а, ярушалаймхой а Везачу Элана хьалха охьатаьІира, Цунна Іибадат дархьама. 19КхахІатхойн а, кхорахьахойн а, тІаьхьенех болчу левихоша, хьала а гІевттина, дикка аз а айдина, Исраилан Дела волчу Везачу Элана хастамаш бира.
20Іуьйранна, хьалххе хьала а гІевттина, уьш ТакхоІ-гІалина уллохь йолчу яьссачу аренга дІабуьйлабелира. Уьш дІабоьлхучу хенахь, ЯхІушаптис, дІа а хІоьттина, элира: «ЯхІудхой, ярушалаймхой, ладогІалаш соьга! Шайн Везачу Делах тешна хила – шу чІагІдийр ду! Цуьнан пайхамарех теша, тІаккха кхиамаш хир бу шун». 21Цо, халкъах дага а ваьлла, Везачу Элана лерина назманчаш дІахІиттийра, уьш карахь герз долчарна хьалха а бовлийтина, шайна тІехь деза духарш а долу, хастамаш а беш, цаьрга алийтархьама: «Баркалла ала Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!»
22Цара, маьхьарий а детташ, хастамаш бечу хенахь, Везачу Эло яхІудхошна тІегІорта баьхкинчу Іамминхошна а, муабахошна а, СеІир-ломарчу бахархошна а дуьхьал кІело йийраш дІахІиттийра. Уьш ийшира. 23Іамминхой а, муабахой а СеІир-ломарчу бахархошна чугІоьртира, уьш байина дІабахархьама. Шаьш СеІир-ломара бахархой хІаллакбина бевлча, цара вовшийн байира. 24Яьссачу аренгара гунаш тІе а бевлла, оцу вуно дукха долчу эскаре дІахьаьжча, яхІудхошна гира лаьттахь Іохку декъий, шайна юкъара цхьа а кІелхьарваьлларг а воцуш.
25ЯхІушапти а, цуьнан эскар а хІонс схьаэца дахара. Царна дуккха а хьал, духар, еза хІуманаш карийра цигахь. И хІуманаш вуно дукха хиларна, дІа а ца яхьалора цаьрга уьш. Кхаа дийнахь дІагулйира цара и хІонс, оццул дукха хиллера иза! 26Ткъа доьалгІачу дийнахь Бархи-тогІи чохь гулбелира уьш, хІунда аьлча цигахь Веза Эла декъалвира цара. Цундела оцу меттигах хІинца а олу «Бархи-тогІи» (иза «декъалваран тогІи» бохург ду). 27Берриге а яхІудхой а, ярушалаймхой а, шайн коьртехь ЯхІушапти а волуш, самукъадаларца Ярушалайме юхабирзира, хІунда аьлча Везачу Эло церан мостагІашна тІехь толам баккхар нисдира царна. 28Тайп-тайпана дечиг-пондарш а, турбанаш а лоькхуш Ярушалайме Везачу Элан цІенна тІе баьхкира уьш. 29Гонахарчу латтанийн ерриге а пачхьалкхашкарчу адамашна тІе Делан кхерам боьссира, Исраилан мостагІашна дуьхьал тІом бинарг Веза Эла хиллийла шайна хезча. 30ЯхІушаптин пачхьалкх къепе хилла дІахІоьттира, Дала массо а агІор паргІато а елира цунна.

 

ЯхІушаптин паччахьаллин чаккхе

 

(Сулим 22:41-50)

 

31Иштта ЯхІуд-махкахь паччахьалла дира ЯхІушаптис. ЯхІушапти паччахь дІахІуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Іазубат яра. Иза Шилхьайн йоІ яра. 32ЯхІушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тІера дІа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. 33Делахь а, тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза дисина дара. Халкъо хІинца а шен дог кхоччуш тІе ца дерзийнера шайн дайн Далла.
34ЯхІушаптин кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду Хьананин кІант волчу ЯхІун дІаяздинарш тІехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.
35Амма цул тІаьхьа яхІудхойн паччахьо ЯхІушаптис Іеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхІуца доттагІалла тесира. 36Таршаш-махка дахийта хІордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхІуца барт бира ЯхІушаптис. Цара Іецйон-ГІебарехь хІордкеманаш дира. 37Цу хенахь Мареша-гІаларчу Дода-ВахІун кІанта ЭлиІазара ЯхІушаптига Делера болу хаам бира: «Ахьа Ахьаз-ЯхІуца доттагІалла тесна дела, ахь кхоьллинарг Везачу Эло дохор ду», – аьлла. ТІаккха хІордкеманаш, доха а доьхна, Таршаше ца дахаделира.

 

 

21

 

1ЯхІушапти, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гІалахь, дІавоьллира. ЯхІушаптин метта паччахь хилира цуьнан кІант ЯхІурам.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІурам

 

(ТІаьххьарнаш 8:17-24)

 

2ЯхІушаптин кІентий болу Іазар-ЯхІу, Яхьиал, Закри-ЯхІу, Іазар-ЯхІу, Микаал, Шапат-ЯхІу ЯхІураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан[18] ЯхІушаптин кІентий бара. 3Дас царна даккхий совгІаташ динера, дети а, деши а, деза тІулгаш а луш. Иштта ЯхІуд-махкара чІагІйина гІаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхІураме деллера, иза шен дуьххьарлера кІант волу дела. 4Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхІурам чІагІвелла дІахІоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо.
5ЯхІураман ткъе шийтта шо дара, иза яхІудхойн паччахь дІахІоьттича. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 6Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цІийнах берш ма-леллара, хІунда аьлча Ахьабан йоІ цуьнан зуда яра. ЯхІурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. 7Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цІа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло.
8ЯхІурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхІудан халкъан карара кІелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дІахІоттийра. 9ЯхІурам шен ерриге гІудалкхашца а, шен тІеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тІе а гІоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гІудалкхашна тІехь болчу церан хьаькамашна а тІелетира. 10Эдоман халкъ таханлерчу денна тІекхаччалц яхІудхойн карара дІадалларх иштта Іаш ду. Оццу заманахь Либна-гІала а яхІудхошна дуьхьалъяьллера, хІунда аьлча ЯхІурама шен дайн Дела волу Веза Эла дІатеснера. 11ЯхІудан лаьмнаш тІехь цІушна Іамал ян гунаш а хІиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дІа а берзийтина, кхечу деланашца Іамал еш лелийтира ЯхІурама. Иштта яхІудхой а Іехабалийтира цо.
12ЯхІураме Эли-ЯхІу-пайхамарера кехат деара. Цу тІехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхІушаптин а, яхІудхойн паччахьан Асин а некъа тІе валаран метта, 13ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тІе а ваьлла, яхІудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цІийно халкъ цІушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цІенна тІера хьайл гІолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа. 14И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кІенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а. 15Ткъа хьуна хьайна а таІзар дийр ду, чІогІа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хІума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегІах дІа а къаьстина, охьаюжур ю“».
16Иштта Везачу Эло пІелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Іаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхІурамна дуьхьал бахархьама. 17Цара, яхІудхошна тІе а гІоьртина, чу а бахана, паччахьан цІера, массо а хІума дІа а эцна, ЯхІураман кІентий а, зударий а дІабигира. Цуьнан кІентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхІу воцург, кІант ца висира ЯхІураман.
18Цул тІаьхьа ЯхІураман кийрахь мел йолчу хІуманна дІа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло. 19Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кІелвитира иза. Ткъа шолгІа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хІума цунах дІакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхІурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхІурамна лерина йоккха цІе ца латийра халкъо.
20ЯхІурам паччахь дІахІуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дІакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гІалахь дІавоьллира иза.

 

ЯхІудхойн паччахь Ахьаз-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 8:25-29;9:21-28)

 

22

 

1Ярушалайман бахархоша ЯхІураман жимаха волу кІант Ахьаз-ЯхІу цуьнан метта паччахь дІахІоттийра. ХІунда аьлча, уьш бехачу метте Іаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхІул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхІудхойн паччахьан ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу паччахьалла дан волавелира. 2Ахьаз-ЯхІу паччахь хІоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо[19] дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Іатал-ЯхІу яра. Иза исраилхойн Іумари-паччахьан кІентан йоІ яра. 3Ахьаз-ЯхІу а Ахьабан цІийнах болчийн некъа тІе велира, хІунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гІуллакхаш дарна хьехарш дора цунна. 4Везачу Элан лаамехь доцу гІуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхІус а, Ахьабан цІийнах болчара лела ма-дарра, хІунда аьлча, Ахьаз-ЯхІун да дІаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла. 5Иштта, церан хьехаршка ла а доьгІна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кІантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тІом бан вахара Ахьаз-ЯхІу. Иза ГалІадерчу Рамат-гІалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 6Иза тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу[20] а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
7Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхІуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цІа хІаллакдан къобалвинчу Нимшайн кІантана ЯхІуна дуьхьалвелира. 8Ша Ахьабан цІенна кхел ечу хенахь ЯхІуна яхІудхойн элий а, Ахьаз-ЯхІун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхІуна хьалхара гІуллакхаш деш бара. ЯхІус уьш байира. 9ЯхІус Ахьаз-ЯхІу схьалахар тІедиллира. Цара Шамран-гІалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхІу, схьа а лаьцна, ЯхІуна тІе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхІу, дІа а воьллина, дІаверзийра, хІунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхІушаптин кІентан кІант ма вара».
Ткъа яхІудхошна тІехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхІун цІийнах цхьа а стаг ца виснера.

 

ЯхІудхойн зуда-паччахь йолу Іатал-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 11:1-3)

 

10Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира, ЯхІудан цІийнан паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. 11Амма ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІата Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа дезачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхІу-ЯдаІан зуда а, ЯхІурам-паччахьан йоІ а йолу, Ахьаз-ЯхІун йиша а йолчу ЯхІу-ШебаІа Іатал-ЯхІух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра. 12Ялх шарахь, Іатал-ЯхІус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цІийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.

 

Халкъ Іатал-ЯхІуна дуьхьалдалар

 

(ТІаьххьарнаш 11:4-16)

 

23

 

1Іатал-ЯхІус паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, динан да волу ЯхІу-ЯдаІ, чІагІ а велла, тІеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кІант Іазар-ЯхІу, ЯхІу-Хьанин кІант ИсмаьІал, Іабадин кІант Іазар-ЯхІу, Іади-ЯхІун кІант МаІсей-ЯхІу, Зикрин кІант Эли-Шапти. 2Берриге а ЯхІуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхІудхойн гІаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дІа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.
3Схьагулбеллачу массара а Делан цІа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхІу-ЯдаІа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тІаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кІант паччахь хила веза. 4Ткъа аша хІара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цІийнан кертахь гІуллакх дан богІуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гІаролхой хир бу, 5шолгІа дакъа – паччахьан цІахь, кхоалгІа дакъа – Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь хир ду. 6Динан дай а, гІуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цІа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тІедиллинчуьнца лела деза. 7Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агІор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цІа чу вала мел гІертарг вийна дІаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».
8Динан дас ЯхІу-ЯдаІа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхІудхоша а. Цара хІораммо а шоьтан дийнахь схьабогІу а, мукъабовлу а гІаролхой шаьш долчу схьагулбира, хІунда аьлча динан дас ЯхІу-ЯдаІа хийцабелла гІаролхой дІа ца бахийтира. 9Делан цІа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхІу-ЯдаІа гІаролхойн хьаькамашна дІасадийкъира. 10Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дІахІоттийра динан дас – Делан цІенна къилберачу агІонна тІера къилбаседерачу агІонна тІекхаччалц, сагІа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цІенна уллохь а. 11ЯхІу-ЯдаІа а, цуьнан кІенташа а, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза, паччахь дІахІотто, даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», – бохуш.
12Паччахьна хастамаш а беш, дедда догІучу халкъан аьзнаш шена хезча, Іатал-ЯхІу Везачу Элан цІенна юххехь лаьттачу нахана тІеяхара. 13ДІахьаьжча, шен бІогІамна уллохь, Делан цІенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гІирсашца хастамаш бечарна тІехь куьйгалла деш. Іатал-ЯхІус, шен тІехулара бедарш этІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.
14Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, эскаран хьаькамаш болу гІаролхой тІе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могІаршна юкъара дІаяккха, ткъа цунна тІаьхьахІуьттурш туьраца байа». ХІунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цІийнан кертахь ма ейта иза».
15Паччахьан цІенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.

 

Динан дас ЯхІу-ЯдаІа дина юхаметтахІиттораш

 

(ТІаьххьарнаш 11:17-20)

 

16ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. 17Дерриге а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха. 18ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна тІехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дІахІоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара дІахІиттийнера, Дауда тІе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогІу хІуманаш ягорхьама. 19Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цІена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цІийнан кевнашка гІаролхой дІахІиттийра ЯхІу-ЯдаІа.
20Динан дас, шеца тІеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тІехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цІийнера дІавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цІа а вигина, паччахьан гІанта тІе охьахаийра. 21Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гІала синтеме яра, хІунда аьлча Іатал-ЯхІу, тур а тоьхна, йийнера.

 

ЯхІудхойн паччахь Юаш

 

(ТІаьххьарнаш 12:1-16)

 

24

 

1Юашан ворхІ шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе ЦивъяхІу яра. Иза Беар-ШабаІ-гІалара яра. 2Динан да ЯхІу-ЯдаІ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3ЯхІу-ЯдаІа Юашана ши зуда ялийра. Цара кІентий а, йоІарий а бира цунна.
4Цул тІаьхьа Везачу Элан цІа карладаккхар дагатесира Юашана. 5Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхІуд-махкахь бехачу исраилхошкара хІора шарахь шайн Делан цІенна лерина дети схьагулде. Оцу гІуллакхан сихо а е». Амма левихой и гІуллакх кхочушдан сих ца белира. 6ТІаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхІу-ЯдаІ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хІунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тІедиллина долу гуламан цІенна лерина ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогІу ял схьаэцар?»
7ХІунда аьлча оцу Іесачу Іатал-ЯхІус а, цуьнан кІенташа а, Делан цІа чу а лилхина, даздина долу массо а хІума БаІал-харцделанашна Іамал ярна дІаделлера.
8Паччахьан омрица цхьа гІутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цІийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира. 9ТІаккха ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тІедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дІакхайкхийра. 10Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тІеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гІутакх чу, иза хьаладуззалц. 11И гІутакх левихошкахула паччахьан гІуллакх деш болчарна тІекхоьхьура. ТІаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогІий, и ахча дІаоьцура. Ткъа гІутакх, дІа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хІора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора.
12Паччахьо а, ЯхІу-ЯдаІа а и ахча Везачу Элан цІа нисдаран белхаш тІехь куьйгалла деш болчу нахе дІалора. Ткъа цара тІулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тІелоцура, цаьрга Везачу Элан цІа чІагІдайтархьама. Иштта аьчка а, цІестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цІа чІагІдархьама. 13И белхаш кхочушбеш болчара чІогІа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахІоттош беш болу болх кхиамца дІа а боьдура. Делан цІа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахІоттийра, иза кхин а чІагІ а деш. 14Дерриге а гІуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхІу-ЯдаІе а дІаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цІа чу дІахІитто пхьегІаш яйтира. Иштта Везачу Элана гІуллакх дан лерина пхьегІаш а, дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна лерина пхьегІаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегІаш яйтира.

 

Юашан юхавалар а, арамхой тІелатар а

 

ЯхІу-ЯдаІ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цІийнан кертахь хІора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагІанаш дохура. 15ЯхІу-ЯдаІ, къан а велла, тоъал дуьне а диъна, велира. Иза лечу хенахь, цуьнан цхьа бІе ткъе итт шо дара. 16Иза паччахьашна уллохь Даудан гІалахь дІавоьллира, цо Исраил-махкахь Далла а, Цуьнан цІенна а лерина дина дика бахьана долуш.
17Ткъа ЯхІу-ЯдаІ велча, яхІудхойн элий, тІе а баьхкина, паччахьна хьалха лохха охьатаьІира. ТІаккха паччахь цара бохучунна тІетайра. 18Цара шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа дІатесира. Ашера-далла лерина болчу дечиган бІогІамна а, цІушна а Іибадат дан буьйлабелира уьш. Церан и бехк бахьана долуш Веза Эла оьгІазвахара ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайман а бахархошна. 19Везачу Эло пайхамарш бохуьйтура оцу нахана тІе, уьш Шегахьа схьаберзийтархьама. Пайхамарша халкъе дІахьедар дора, амма халкъо цаьрга ла ца дугІура. 20Юха динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІантана Закри-ЯхІуна тІе доьссинчу Делан Синан ницкъо дІахьулвира иза. Цо халкъана хьалха, дІа а хІоьттина, элира: «Иштта боху Дала: „ХІунда довлу шу Везачу Эло тІедиллинчунна тІера? Хир бац шун кхиам. Аша Веза Эла дІатасаре терра, Цо а дІатосур ду шу“». 21Цара, Закри-ЯхІуна дуьхьал барт а бина, паччахьан омрица Везачу Элан цІийнан кертахь цунна тІе тІулгаш кхиссира. 22Юаш-паччахьна дага ца деара Закри-ЯхІун дас ЯхІу-ЯдаІа шена дина долу дика. ЯхІу-ЯдаІан кІант вийра цо. Закри-ЯхІус ша лечу хенахь элира: «Везачу Элана хІара дІа а гойла, Цо хьо жоьпе а озавойла!»

 

Юаша динчу паччахьаллин чаккхе

 

23Керла шо дІадоладелча, арамхойн эскар, Юашана дуьхьал а даьлла, ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а чудеара. Цара халкъана юкъара мехкан баьччанаш хІаллакбира. Иштта цаьргара шаьш схьаяьккхина хІонс Дамасакхе паччахьна дІаяхьийтира. 24Арамхойн эскарехь дукха адам ца хиллехь а, Везачу Эло церан кара дІаделлера дикка ницкъ болу эскар. Юашана кхел йинера, яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела.
25ЧІогІа чов хилла волу Юаш Іад а витина, арамхой дІабахара. Ткъа динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІант верна[21], бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Іуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира. 26Юашана дуьхьал барт бинарш бара: Іамминхо йолчу ШимІатан кІант Забад а, муабахо йолчу Шимратан кІант ЯхІу-Забди а. 27Юашан кІентех а, цунна дуьхьал дукхазза а аьлла хиллачу Делера хаамех а, Делан цІа юхаметтахІотторах а лаьцна долчух яздина ду Паччахьийн тептаран хьехам тІехь. Юашан метта цуьнан кІант Амци-ЯхІу паччахь хилла дІахІоьттира.

 

ЯхІудхойн паччахь Амци-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 14:2-6)

 

25

 

1Амци-ЯхІун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхІун ненан цІе ЯхІу-Іаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 2Амци-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза. 3Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира. 4Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза».

 

Эдом-махкаца бина тІом

 

(ТІаьххьарнаш 14:7)

 

5Амци-ЯхІус, яхІудхой схьа а гулбина, ЯхІуд-тайпанан а, Бен-Яман-тайпанан а гаранашца уьш бекъа а бекъна, эзарнийн а, бІеннийн а куьйгалхойн кара дІабелира. ТІаккха царна юкъара ткъа шо а, цул сов а хан ерш багарбира цо. Царна юкъахь кхо бІе эзар тоьлла волу, карахь гоьмукъ а, турс а лелалур долу тІемалой карийра цунна. 6Исраилхошна юкъара, ши бІе пунт дети а делла, кхин а доьналла долу цхьа бІе эзар тІемало а лецира Амци-ЯхІус. 7Эццахь Амци-ЯхІу волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Паччахь! Исраилхойн эскар ма дига хьайца, хІунда аьлча оцу Эпрайман кІентий болчу исраилхошца Веза Эла вац. 8Нагахь ахьа, эскар а дигна, майрра тІом бахь а, Дала хьан мостагІашна хьалха вожор ву хьо, хІунда аьлча Делехь бу хьуна гІо дан а, хьо вожо а ницкъ».
9Амци-ЯхІус Делан стаге элира: «Ткъа айса исраилхойн эскарна деллачу ши бІе пунт детих хІун дан деза аса?»
Делан стага элира: «Везачу Элан ницкъ бу хьуна цул сов дала а». 10Амци-ЯхІус Эпрайм-махкара ша волчу деана эскар дІакъастийра, иза шен цІа дІадахийтархьама. ТІаккха, яхІудхошна чІогІа оьгІаз а бахана, дар а белла, уьш шайн цІа дІабахара.
11Ткъа Амци-ЯхІус, майра а ваьлла, шен эскар Дуьра-тогІи олучу метте дигира. Цигахь СеІир-ломарчу эдомхойх итт эзар стаг хІаллаквира цо. 12Царах дийна висина итт эзар стаг йийсаре вигира цара. Уьш, тархана боххье а баьхна, цу тІера чукхиссира яхІудхоша. Берриш а, атабелла, дІабевлира уьш.
13Ткъа Амци-ЯхІус, шеца тІаме а ца дуьгуш, юхадерзийна долчу эскаро ЯхІуд-махкахь Шамран-гІалара дуьйна Байт-Хьорон-гІалина тІекхаччалц йолу меттигаш яссийна дІаехира. Цигахь кхо эзар стаг а вийна, шайна дуккха а хІонс дІаяьхьира цара.
14Эдомхошна тІехь толам а баьккхина, Амци-ЯхІус СеІир-лаьмнийн бахархойн цІу-деланаш схьа а беана, уьш ша волчохь дІахІиттийра. Цо царна Іибадат а дора, царна лерина хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. 15Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Амци-ЯхІуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тІе. Пайхамаро Амци-ЯхІуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кІелара дІа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хІунда волу те хьо?»
16Пайхамаро шега аьллачунна дуьхьал паччахьо жоп делира: «Хьо ву ткъа паччахьан хьехамча хІоттийна? ДІасаца, хьо ца вейтархьама».
Пайхамаро, дІа а соцуш, элира: «Суна хаьа ахьа и гІуллакх дарна а, сан хьехаме ла ца догІарна а Дала хьо вен сацам бинийла».

 

Исраил-махкаца бина тІом

 

(ТІаьххьарнаш 14:8-20)

 

17ЯхІудхойн паччахьо Амци-ЯхІус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира, иштта дІаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ». 18Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. 19Ахьа боху: „Аса эдомхошна тІехь толам баьккхина“. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара».
20Амма Амци-ЯхІус шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира, хІунда аьлча иза Дала динера, уьш эдомхойн деланашкахьа бирзина дела, ЯхІуашан кара дІабалархьама. 21ТІаккха исраилхойн паччахь ЯхІуаш яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна дуьхьалвелира. И шиъ тІамца ЯхІуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гІалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 22Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. 23Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 24Делан цІа чуьра Іабади-Эдоман карахь долу дерриге а деши, дети, ерриге а пхьегІаш дІаяьхьира ЯхІуаша. Иштта паччахьан ерриге а еза хІуманаш а дІа а хьош, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шеца адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
25ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІант Амци-ЯхІу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш веллачул тІаьхьа пхийтта шарахь вехира. 26Амци-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь. 27Амци-ЯхІу Везачу Элах дІавирзинчул тІаьхьа, Ярушалаймехь цунна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гІала ведда дІавахара. ТІаккха, цунна тІаьхьа Лахиш-гІала нах а бахийтина, Амци-ЯхІу цигахь вийра. 28Амци-ЯхІун дакъа, говрашца схьа а деана, шен дай дІабоьхкинчу ЯхІуд-мехкан коьртачу гІалахь дІадоьллира.

 

ЯхІудхойн паччахь Іузи-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 14:21,22;15:1-7)

 

26

 

1ТІаккха яхІудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу[22], шен ден метта, паччахь а вина, дІахІоттийра. 2Іузи-ЯхІу вара шен да Амци-ЯхІу-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхеттачул тІаьхьа, Элат-гІала метта а хІоттийна, иза ЯхІудан халкъана юхаерзийнарг.
3Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. 4Шен дас Амци-ЯхІус лела мел динарг санна, Іузи-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 5Деле болчу ларамах дуьзна хила дезар хьехна волу Закри-ЯхІу волчу заманахь Іузи-ЯхІу Дела лоьхуш лелара. Везачу Элехьа вирзина иза мел лела, Дала цуьнан аьтто болуьйтура.
6Іузи-ЯхІус, ара а ваьлла, пІелаштамхошца тІом бира. Гати-гІалин а, Ябни-гІалин а, Ашдод-гІалин а, пенаш доха а дина, Ашдод-махкахь а, пІелаштамхой бехачохь а гІаланаш дІахІиттийра цо. 7ПІелаштамхошна а, Гур-БаІалехь бехачу Іаьрбихошна а, маІунхошна а дуьхьал тІом бан гІо дора Дала Іузи-ЯхІуна. 8Іамминхоша Іузи-ЯхІуна ял лора. Мисар-мехкан дозанна тІекхаччалц а цІе яханера цуьнан, хІунда аьлча иза дикка ницкъ болуш дІахІоьттинера.
9Ярушалаймерчу пенан Сонехь долчу кевнна а, ТогІин кевнна тІехь а, АгІонна тІехь долчу кевнна тІехула а бІаьвнаш яйтира Іузи-ЯхІус. ТІаккха и бІаьвнаш чІагІъяйтира цо. 10Яьссачу аренгахь а бІаьвнаш дІахІиттийра цо. Иштта дуккха а гІунаш яхийтира цо, хІунда аьлча дуккха а жаш а, бажанаш а дара цуьнан акъарешкахь а, шерачу аренгахь а. Лаьмнашкахь а, Кармал-лома тІехь а латталелорхой а, кемсашлелорхой а бара Іузи-ЯхІун, цунна латта дукхадезарна.
11Іузи-ЯхІун доккха эскар дара. Иза цхьацца эскаран тобанашца тІаме арадолура. Уьш, багар а бина, тептар тІехь дІаязбинера йозанча волчу ЯІиала а, тхьамда волчу МаІсей-ЯхІус а. И шиъ паччахьан хьаькамех цхьаъ волчу Хьанан-ЯхІун куьйга кІел лелара. 12Эскаран тІемалошна тІехь хІоттийна доьзалийн хьаькамаш бара. Уьш верриге а ши эзар ялх бІе стаг вара. 13Доьзалийн оцу хьаькамийн куьйгаллехь эскар дара, мостагІчунна дуьхьал тІом бечу хенахь паччахьна гІо дан. Эскарна чувогІура тІом балуш волу а, доьналла долу а кхо бІе ворхІ эзар пхи бІе стаг. 14Оцу дерриге а эскарна лерина Іузи-ЯхІус тІеман гІирс кечбайтира: турсаш, гоьмукъаш, гІемаш, гІаьгІнаш, секхаІедаш, ширдолаган тІулгаш. 15Ярушалаймехь говзаллица бина гІирсаш байтира цо. Уьш гІалин пенан бІаьвнаш тІехь а, сенаш тІехь а дІахІиттийнера, пхерчий а, даккхий тІулгаш а кхиссархьама. Цуьнан цІе геннарчу мехкашкахь а йоккхура, хІунда аьлча, тамашийначу тайпана гІо а хилла, ницкъ болуш дІахІоьттинера иза.

 

Кураваларна Іузи-ЯхІуна дина таІзар

 

16Ша ницкъ а болуш дІахІоьттича, Іузи-ЯхІун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хІунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цІа чу, цу чохь хаза хьожа йогІу хІума ягорхьама. 17Динан да Іазар-ЯхІу а, цуьнца Везачу Элан тоьлла волу везткъа динан да а вахара паччахьна тІаьхьахІоьттина. 18Цара, Іузи-ЯхІу-паччахьна дуьхьало а йина, цуьнга элира: «Іузи-ЯхІу, ахьа яго ца еза Везачу Элана лерина хаза хьожа йогІу хІума. Иза оцу гІуллакхна къобалвинчу АхІаронан тІаьхьенах болчу динан дайн гІуллакх ду. Аравала Делан цІа чуьра, хІунда аьлча ахьа къа латийна, ткъа иза Везачу Элана гергахь хьан сийнна хир дац».
19Іузи-ЯхІу чІогІа оьгІазвахара. Ткъа цуьнан карахь яра хаза хьожа йогІу хІума чохь ягош йолу пхьегІа. ТІаккха, иза динан дайшна оьгІазвахча, цуьнан хьаж тІехь дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар гучуелира. Иза хилира динан дайшна хьалххахь, Везачу Элан цІа чохь, хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана уллохь. 20Коьрта динан да волу Іазар-ЯхІу а, берриге а динан дай а Іузи-ЯхІуга дІахьаьжча, царна цуьнан хьаж тІе даьлла чкъуран цамгаран даІ гира. Цара паччахь араваккха хьовзийра, ткъа иза-м ша а вара аравала сихвелла, шена Везачу Эло таІзар дина дела.
21Ша велла дІаваллалц и цамгар текхира Іузи-ЯхІус. Везачу Элан цІийнах дІа а къастийна, къаьсттина лаьттачу цІа чохь Іийра иза. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь куьйгалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора.
22Іузи-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина Амосан кІанта ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро. 23Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза паччахьийн къуббанийн аренгахь дІавоьллира, хІунда аьлча цунах лаьцна олура: «Цунна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетта». Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам.

 

ЯхІудхойн паччахь Йовтам

 

(ТІаьххьарнаш 15:32-38)

 

27

 

1Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Яруша яра, иза ЦІадукъин йоІ яра. 2Шен дас Іузи-ЯхІус[23] санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цІа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидІа а къинош летадора.
3Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара. Иштта Іупал-гу болчу пенна тІехь а дуккха а кхиболу чІагІдаран белхаш байтира цо. 4ЯхІуд-махкарчу лам тІехь гІаланаш а, хьаннашкахь гІепаш а, бІаьвнаш а дІахІиттаяйтира Йовтама. 5Іамминхойн паччахьца тІом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бІе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кІа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Іамминхоша Йовтамна. Изза дора Іамминхоша шолгІачу а, кхозлагІчу а шерашкахь а. 6Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела. 7Йовтаман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел бинчу тІамах а, цуьнан леларх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн тептар тІехь. 8Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. 9ТІаккха Йовтам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Даудан гІалахь дІавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз.

 

ЯхІудхойн паччахь Ахьаз

 

(ТІаьххьарнаш 16:1-4)

 

28

 

1Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Даудах терра а ца лелаш, Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. 2Ахьаз а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Ур-атталла БаІал-харцдалла Іибадат дарна а цІуш боттийтира цо. 3Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. 4Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза.

 

ЯхІудхоша Сирин а, Исраилан а мехкашца бина тІом

 

(ТІаьххьарнаш 16:5)

 

5Цу бахьаненна Ахьазан Везачу Дала иза арамхойн паччахьан кара дІавелира, ткъа вукхо боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. Дуккха а яхІудхой, йийсар а дина, Дамасакхе дІабигира арамхоша. Иштта Ахьаз а исраилхойн паччахьан кара дІавелира, исраилхоша а боккха толам баьккхира цуьнан эскарна тІехь. 6ЯхІудхойн доьналла долу цхьа бІе ткъа эзар тІемало цхьана дийнахь тоьхна охьавиллира исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис. Иза хилира яхІудхоша шайн дайн Дела волу Веза Эла дІатесна дела. 7Ткъа эпраймхойн тІемалошна юкъара волчу Зикрас паччахьан кІант МаІсей-ЯхІу а, паччахьан цІентІехь хьаькам волу Іазрикхам а, паччахьал тІаьхьа шолгІаниг ларалуш волу Элкхан а вийра. 8Шайн вежарий болчу яхІудхойн ши бІе эзар зуда а, кІентий а, йоІарий а, йийсар а дина, дІабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хІонс а яьккхина, Шамран-гІала дІаяхьийтира цара.

 

Іудад-пайхамар

 

9Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цІе Іудад яра. Шамран-гІала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгІазвахханчохь яхІудхой шун кара дІабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна. 10ХІинца яхІудхой а, ярушалаймхой а, дІа а бигна, царах шайн леш бан дохку шу. Шайн Везачу Далла хьалха шаьш а бехке дац моьтту ткъа шуна? 11Аша, соьга ла а догІий, шаьш йийсаре буьгуш болу шайн вежарий яхІудхой юхаберзабе, хІунда аьлча Везачу Элан чІогІа дералла ю шуна тІехь».
12ТІаккха Эпрайман тайпанах болчу хьаькамех цхьаберш тІамера юхабоьрзуш болчарна дуьхьал бевлира. Уьш бара: ЯхІу-Хьанин кІант Іазар-ЯхІу, Машли-МутІин кІант Берех-ЯхІу, Шалуман кІант Яхьизакх-ЯхІу, Хьадлайн кІант Іамасаъ. 13Цара элира: «Ма балабе кху чу йийсар динарш, хІунда аьлча вай къа латор ду Везачу Элана хьалхахь. Вай летийначу къиношна а, вай динчу зуламашна а кхин а тІетоха ойла-м яц те шун? Исраилан халкъана тІехь Везачу Элан чІогІа йолу дералла хиллал хІинцале а боккха бехк бу вайна тІехь». 14ТІаккха тІемалоша шаьш йийсаре буьгурш а, схьаэцна йолу хІонс а халкъан куьйгалхойн а, халкъан берриг а гуламан кара дІаелира. 15ЦІераш яьхначу исраилхойн веа куьйгалхочо, шаьш йийсаре дуьгучу халкъана юкъахь берзина хилла болчарна, хІонсана юкъара схьаэцна бедарш а тІеюьйхира, царна мачаш а елира. Иштта юург а, мерг а елира, зайтдаьтта а хьаькхира царна. Царах гІора доцурш берриш а, варрашна тІе а ховшийна, шех хурма-диттийн гІала олучу Ерихоне, церан вежарий болчу, дІахьажийра, ткъа шаьш Шамран-гІала юхабирзира уьш.

 

Ахьаза Ашур-мехкан паччахье гІо дехар

 

(ТІаьххьарнаш 16:7-9)

 

16Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна[24] тІе геланчаш бахийтира, шена гІо доьхуш, 17хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. 18ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. 19ЯхІудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхІудан халкъ, хІунда аьлча иза, ЯхІуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чІогІа тешаме воцуш лелара. 20Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. 21ХІунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а, элашкара а еза хІуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дІаелира, амма и шадерг гІоьнна ца хилира цунна.

 

Ахьазан къинош

 

22Ур-атталла ша холчу хІоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидІа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара. 23Шена тІехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагІанаш дохура Ахьаза, хІунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гІо дина хилча, аса а дохур ду царна сагІанаш, цаьрга сайна гІо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. 24Делан цІа чуьра пхьегІаш дІа а гулйина, уьш йохийра Ахьаза. Ткъа Везачу Элан цІийнан неІарш дІа а къевлина, Ярушалаймехь массо а маьІІехь сагІа доккху меттигаш йира цо. 25ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахь кхечу деланашна сагІа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо.
26Ахьазан кхидолчу гІуллакхех а, цо лелийначух а лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь. 27ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Ярушалайм-гІалахь дІавоьллира, амма исраилхойн паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира иза. Ахьазан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Яхьизакх-ЯхІу[25].

 

ЯхІудхойн паччахь Хьузакх-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 18:1-3)

 

29

 

1Паччахь дІахІуттучу хенахь Хьузакх-ЯхІун[26] ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхІус. Цуьнан ненан цІе яра Аби-ЯхІу, ткъа иза Закри-ЯхІун йоІ яра. 2Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.

 

Везачу Элан цІа цІандар

 

3Ша паччахь хилла дІахІоьттинчу хьалхарчу шеран хьалхарчу баттахь Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан неІарш дІа а йиллина, уьш тояйтира. 4Левихой а, динан дай а шена тІебахкар тІедиллира Хьузакх-ЯхІус. Уьш Делан цІенна малхбалехь йолчу майданахь схьагулбира цо. 5Цаьрга цо элира: «Левихой, ладогІалаш соьга! ХІинца шаьш а Далла гергахь цІанло, шайн дайн Дела волчу Везачу Элан цІа а цІанде. Цу цІенна чуьра Далла хьалха боьха мел долу хІума аракхосса. 6Вайн дай, вайн Везачу Далла зуламе хеташ долу хІуманаш а лелош, Далла тешаме боцуш бара. Цара, Иза дІа а тесна, Везачу Элан цІийнах дІа а бевлла, Цунна букъ берзийнера. 7Цара Везачу Элан цІийнан ученна чу волу неІ а дІакъевлира, къуьданаш а дІабойура. Иштта хаза хьожа йогІу хІума а ца ягайора, дезачу цІа чохь Исраилан халкъан Далла лерина дийнаташ дагоран сагІа а ца доккхура цара. 8ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра. 9Иштта туьро байира вайн дай, цундела вайн кІентий а, йоІарий а, зударий а хІинца хийрачу махкахь йийсарехь бу.
10ХІинца Исраилан халкъан Везачу Элаца барт бан дагадеана суна, Цуьнга Шен чІогІа йолу дералла вайна тІера дІаяккхийтархьама. 11Сан хьоме левихой! Ларам боцуш ма хилалаш, хІунда аьлча Везачу Эло шу хаьржина, Шена уллохь хилийтархьама а, шуьга Шена лерина гІуллакх дайтархьама а, шу Шена гІуллакх дийраш а, хаза хьожа йогІу хІума ягораш а хилийтархьама а».
12ТІаккха хІара левихой гІуллакхаш кхочушдан хІиттира:
КхахІатан тІаьхьенах волу Іамсайн кІант Махьат а, Іазар-ЯхІун кІант Юал а;
Мерарин тІаьхьенах волу Іабдин кІант Къуша а, ЯхІалал-Элан кІант Іазар-ЯхІу а;
ГІиршанан тІаьхьенах волу Замин кІант Юахьи а, Юахьин кІант Іедан а;
13Эли-Цапанан тІаьхьенах волу Шимра а, ЯІиал а;
Асайпан тІаьхьенах волу Закри-ЯхІу а, Матан-ЯхІу а;
14ХІайманан тІаьхьенах волу Яхьиал а, ШамаІи а;
Ядутунан тІаьхьенах волу ШамІа-ЯхІу а, Іузиал а.
15Цара, шайн вежарий схьа а гулбина, Далла гергахь цІано йира. ТІаккха, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан омра кхочуш а деш, Везачу Элан цІа цІан а деш, даздан бахара уьш. 16Цара Везачу Элан цІа чохь шайна карийна Далла гергахь боьха мел долу хІума цІийнан керта арадаьккхира. Ткъа левихоша, уьш Кхидрун-тогІи чу дІакхиссархьама, дІаийцира.
17Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара Везачу Элан керт язъян йолийра. Цу беттан борхІалгІачу дийнахь уьш Везачу Элан цІийнан ученна тІекхечира. Кхин а бархІ дийнахь Далла хьалха даздира цара Везачу Элан цІа. Оцу хьалхарчу беттан ялхитталгІачу дийнахь цара и гІуллакх чекхдаьккхира.

 

Везачу Элан цІа юха а Делан кара дІадалар

 

18ТІаккха, Хьузакх-ЯхІун цІа а баьхкина, цара элира: «Оха Везачу Элан цІа а цІандина, дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а цІанбина, цуьнца йоьзна йолу ерриге пхьегІаш а цІанйина. Иштта даздина долу бепиг тІедуьллу стол а, цуьнца йоьзна йолу пхьегІаш а цІанйина. 19Ахьаз-паччахьо, ша паччахьалла динчу хенахь, Делан лаамехь доцург а лелош, дІаяьхна хилла йолу ерриге а пхьегІаш, оха, кеч а йина, язйина. Уьш Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІиттийна».
20ШолгІачу Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, гІалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цІенна тІе вахара Хьузакх-ЯхІу-паччахь. 21Цара ворхІ старгІа а, ворхІ уьстагІ а, ворхІ боьрша Іахар а, ворхІ бож а еара пачхьалкхан къиношна тІера а, Везачу Элан цІийнан езачу чоьнна тІера а, ЯхІудан халкъана тІера а. АхІаронан тІаьхьенах болчу динан дайшна тІедиллира паччахьо и дийнаташ сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана тІехь дагор. 22Динан дайша, старгІанашна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира. Цул тІаьхьа цара, уьстагІашна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира. Иштта Іахаршна урс а хьаькхна, церан цІийн цинцаш сагІа доккхучу кхерчана тІетуьйхира цара. 23ТІаккха, къиношна тІера урс хьакха ялийна йолу бежалой паччахьна а, халкъан гуламна а хьалха дІа а хІиттийна, царна тІе куьйгаш дехкира. 24Царна урс а хьаькхна, берриге а Исраилан халкъан къинош дІадахархьама, бежалойн цІийн цинцаш туьйхира кхерча тІе. ХІунда аьлча паччахьо омра динера берриге а Исраилан халкъана тІера дийнаташ дагоран сагІа а, къинойх цІандаларан сагІа а даккха аьлла.
25Дауда а, Делера дерг гуш волчу, паччахьан пайхамар волчу Гадас а, Ната-пайхамаро а тІедиллина ма-хиллара, – ткъа и тІедиллар Везачу Элера долу дела – Хьузакх-ЯхІу-паччахьо Везачу Элан цІийнан кертахь, тайп-тайпана дечиг-пондарш а, цІастанан жима негІарш а карахь долу левихой дІахІиттийра. 26Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гІирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дІахІиттийча, 27Хьузакх-ЯхІус омра дира, дагоран сагІина урс хьаькхна долу дийнаташ кхерча тІе дахка аьлла. СагІа даккха долийча, локхучу турбанашца а, исраилхойн паччахь хилла волчу Даудан гІирсашца а зурма а лоькхуш, Везачу Элана лерина эшарш лекха йолийра. 28Халкъан берриг а гуламо а Іибадат дора, илланчаша эшарш лоькхуш а, турбанаш екаш а йолчу хенахь. Иза иштта лаьттара, дийнаташ дагоран сагІа даккхар чекхдаллалц. 29Дийнаташ дагоран сагІа даккхар чекхдаьлча, паччахьо а, цуьнца болчу массара а, суждане а бахана, Іибадат дира. 30Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, баьччанаша а левихошка омра дира, Дауда а, Делера дерг гуш хилла волчу Асайп-пайхамаро а яздинчу дешнашца Везачу Элана хастамаш бе аьлла. Халкъо хазахетарца эшарш а лоькхура, уьш суждане а боьлхура, цара Везачу Элана Іибадат а дора.
31Хьузакх-ЯхІус, вист а хуьлуш, элира: «ХІинца аша шаьш Везачу Элана лерина дІакъастор чекхдаьлла. Дуьло, Везачу Элан цІа долчу бертан а, баркаллин а сагІанаш даладе». ТІаккха халкъан гуламо бертан а, баркаллин а сагІанашна дийнаташ даладора. Шен даг чохь лаам болчу хІораммо а дагоран сагІанаш даха дийнаташ даладора. 32Халкъан гуламо дагоран сагІа даккха далийначу дийнатийн барам иштта бара: кхузткъе итт сту, цхьа бІе уьстагІ, ши бІе боьрша Іахар. И дерриге а Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа даккха далийнера. 33Кхин а ялх бІе дийнат хьайбанийн юкъара а, кхо эзар – жен юкъара а далийнера бертан а, баркаллин а сагІанашна. 34Ткъа динан дай кІеззиг болу дела, уьш лара ца бора дагоран сагІина далийначу дерриг а дийнаташна тІера цІокарчий схьаяха. Цундела царна гІо дора церан вежарий болчу левихоша. Кхиболу динан дай цІанбаллалц а, сагІа доккху и гІуллакх чекхдаллалц а гІо дира цара. ХІунда аьлча левихой шаьш Далла гергахь цІанбарна тІехь динан дайл а лерина лелара. 35Оцу дийнаташ дагоран сагІина дахьаш долчу хІуманна тІекхетара боккхачу барамехь долу барт баран сагІанийн мохь а, чагІаран сагІина дахьаш долу малар а.
Иштта меттахІоттийра Везачу Элан цІенца доьзна долу гІуллакх дар. 36Хьузакх-ЯхІу а, дерриг халкъ а чІогІа самукъадаьлла дара Дала Шен халкъана диначунна, хІунда аьлча иза сихха кхочушхилира.

 

30

 

Пасахьан деза де даздарна кечам бар

 

1Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхІуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхІус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цІа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама. 2Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгІачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла. 3И гІуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цІанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а. 4Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира. 5ТІаккха Беар-ШабаІ-гІалара дуьйна Дан-гІалина тІе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХІунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера. 6Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхІуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дІасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тІехь яздина дара:
«Исраилан халкъ! ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тІедерзалаш, тІаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тІевоьрзур ву Иза а. 7Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дІа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хІума йира Цо царах. 8ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю. 9Шун дегнаш Везачу Элана тІе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТІаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хІунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тІедерзахь, Иза шух дІавоьрзур вац».
10Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тІекхаччалц, цхьана гІалара вукху гІала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара. 11Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгІира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира. 12ЯхІуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахІоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.

 

Пасахьан дезде даздар

 

13Шеран шолгІачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара. 14Гулбеллачара, хьала а гІевттина, Ярушалаймехь цІушна лерина дагоран сагІа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цІушна лерина хаза хьожа йогІу хІума ягош болу берриге а гІирс, боха а бина, Кхидрун-тогІи чу кхоьссира цара. 15ТІаккха шолгІачу беттан дейтталгІачу дийнахь Пасахьан Іахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цІан а белла, Везачу Элан цІийнан керта дагоран сагІа даккха дийнаташ далийра. 16Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тІехь яздина ма-хиллара, шайна тІедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дІахІиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цІийн цинцаш тухура. 17Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дІахІитта цІанбалаза берш тІех дукха хиларна, церан Пасахьан Іахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хІуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира левихоша. 18Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цІанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагІина беанчу Пасахьан Іахарх йолу хІума. 19Ткъа Хьузакх-ЯхІус царна тІера доІа дира. Цо элира: «Шена хьалха цІанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тІедерзийна волчу хІоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!» 20Хьузакх-ЯхІун доІа дІа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира. 21Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чІогІа самукъадаларца ворхІ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гІирсашца хІора дийнахь Цунна хастамаш бора. 22Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гІуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхІус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагІа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хІума йиира цара ворхІ дийнахь. 23Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхІ дийнахь даздан. ТІаккха самукъадаларца кхин а ворхІ де даьккхира цара, и де даздеш. 24ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус цхьа эзар сту а, ворхІ эзар уьстагІ а беанера сагІина гулбеллачарна тІера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагІ а. ТІаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гІуллакх дарна дІа а къаьсташ, шаьш цІанбира. 25ЯхІуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхІуд-махкахь тІебаьхкинарш санна Іаш болу исраилхой а. 26Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хІунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хІума Ярушалаймехь. 27ТІаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гІевттина, халкъ декъалдира. ДІахезира Везачу Элана церан аз, хІунда аьлча Веза Эла Іаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дІакхечира церан доІа.

 

31

 

Хьузакх-ЯхІус дина юхаметтахІиттораш

 

1И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира.
2Динан дай а, левихой а, шаьш дІахІиттабаре терра, шайн-шайн рогІехь, хІора а шен гІуллакх дан дІахІоттийра Хьузакх-ЯхІус. Царна тІедехкинчу гІуллакхашна юкъадогІура: дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дахар а, Везачу Элана гІуллакх дар а, Далла баркаллаш бахар а, Веза Эла Іаш йолчу меттиган кевнашкахь Цунна хастамийн иллеш алар а. 3Паччахьо шен хьолах цхьадолу дакъа дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна дала билгалдаьккхира: Іуьйренан а, суьйренан а дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна а, шоьтан деношкахь а, бутт цІинлучу деношкахь а, Везачу Элан товрат-хьехамехь яздина долчу кхечу дезачу деношкахь а сагІанаш дахарна а.
4Ярушалаймехь дехачу халкъана паччахьо тІедиллира динан дайшна а, левихошна а догІуш долу ялтин а, сурсатийн а дакъа дІадалар, цаьрга Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбан ойла хилийтархьама, кхечунна тІедерза а ца дезаш. 5Паччахьан омра дІакхайкхийча, керлачу ялтех а, чагІарх а, даьттанах а, мазах а, аренгара тайп-тайпанчу стоьмех а вуно дукха хІума еара исраилхоша. Шайн долчу дерриг а хьолах уьтталгІа дакъа а деара цара. 6ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь бехачу исраилхоша а, яхІудхоша а деара шайн бежана юкъара а, жена юкъара а уьтталгІа дакъош. Иштта шайн Везачу Далла лерина сагІина гулдинчух а уьтталгІа дакъа схьадеара цара. Церан вуно дукха хІума гулделира. 7И гІуллакх, шеран кхоалгІачу баттахь дола а дина, ворхІалгІачу баттахь чекхдаьккхира цара. 8Хьузакх-ЯхІу а, цуьнан баьччанаш а схьабаьхкича, царна вуно дукха гулделла хІума гира. Везачу Элана хастамаш бира цара, ткъа Цуьнан Исраилан халкъ декъалдира цара. 9Хьузакх-ЯхІус динан дайшка а, левихошка а оцу гулделлачу хІуманах лаьцна хаттар дира. 10ТІаккха ЦІадукъин тІаьхьенах волчу коьртачу динан дас Іазар-ЯхІус жоп делира: «Везачу Элан цІа долчу тхайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дан долийчхьана, оха дуззалц хІума а йоу, кхин дуккха а хІума а юьсу тхан. Ткъа Везачу Эло Шен халкъ декъалдина дела, оццул дукха хІума а дисина».
11Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан кертахь кхин а тІаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича, 12совгІаташ а, уьтталгІа дакъош а, Далла дІакъастийна сагІанаш а леррина царна чу охьадехкира. Оцу хІуманна тІехьожуш хьаькам хІоттийра левихо волу Ханан-ЯхІу. Ткъа Ханан-ЯхІун ваша ШамаІи цунна гІо деш шолгІаниг хІоттийра. 13Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Іазар-ЯхІус а тІедилларца Ханан-ЯхІун а, ШамаІин а куьйга кІел оцу хІуманийн дола дан дІахІоттийра Яхьиал, Азаз-ЯхІу, Нахьати, ІасахІал, Еримати, Юзабди, Элиал, Исмах-ЯхІу, Махьат, БенъяхІу. 14Шайн лаамехь Далла дахьаш долчу сагІанийн дола дан а, Везачу Элана луш йолу хІума а, даздина долу совгІаташ а дІасадекъа дІахІоттийра Кхура. Иза малхбалехьарчу кевнехь ха деш волу, Иманин кІант волу левихо вара. 15Кхурин куьйга кІел бара Іедан, Мин-Яман, ЮшаІ, ШамІа-ЯхІу, Амар-ЯхІу, Шахан-ЯхІу. Динан дайн гІаланашкахь тешаме хиларца гІо дира цара Кхурина, шайн вежаршна, жимачунна а, воккхачунна санна, шайн тобанашка хьаьжжина, доггІург дІа а доькъуш. 16ЦІераш дІаязйинчарна юкъахь болчу боьршачу нахах кхо шо а, цул сов а хан йолчарна дІасадоькъура и хІума – Везачу Элан цІа чохь хІора дийнахь, шайн дарже а, тобане а хьаьжжина, шайна тІедиллина гІуллакх деш болчарна. 17Шайн доьзалшка хьаьжжина, тептар тІе дІаязбина болчу динан дайшна а, ткъа шо а цул сов хан йолчу левихошна а, царна тІедехкинчу гІуллакхашка а, церан тобанашка а хьаьжжина, дІадоькъура цара и хІума. 18Иштта дІадоькъура и хІума цу тептар тІе дІаяздинчу, берриге а гуламна чудогІуш долчу берашна а, зударшна а, кІенташна а, йоІаршна а. ХІунда аьлча цара, цІан а белла, тешаме хиларца шаьш Далла дІакъастийнера, Цунна леррина гІуллакх дархьама. 19АхІаронан тІаьхьенах болу динан дай бехачу гІаланийн гонахарчу дежийлашкахь Іаш болчу динан дайх лаьцна аьлча, цигахь цІершца билгалбаьхна болу нах дІахІиттийра, динан дайн доьзалшна юкъара хІора боьршачунна а, левихошна юкъара хІора дІаязвинчунна а и хІума дІадекъархьама.
20Иштта гІуллакх дира Хьузакх-ЯхІус берриге а ЯхІуд-махкахь. Шен Везачу Далла хьалха диканиг а, нийсо ерг а, тешаме дерг а леладора Хьузакх-ЯхІус. 21Шен Дела дага а лоцуш, Делан цІенна лерина а, Цуьнан товрат-хьехамаш а, весеташ а лардарна а, ша дечу массо а хІуманна тІехь а, доггах гІуллакх дора Хьузакх-ЯхІус, цундела кхиамаш а хуьлура цуьнан.

 

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

 

(ТІаьххьарнаш 18:13-37;19:14-19,35-37;ЕшаІ-ЯхІу 36:1-22;37:8-38)

 

32

 

1Везачу Элана тешаме а волуш, Хьузакх-ЯхІус дина гІуллакхаш чекхдевлча, ЯхІуд-махка чугІоьртира ашурхойн паччахь волу Санхьариб. ЧІагІйина гІаланаш шена схьаяха дагахь, царна го бира цо. 2Санхьариб, ЯхІуд-махка чу а гІоьртина, Ярушалаймана дуьхьал тІом бан веана хилар шена гича, 3Хьузакх-ЯхІус, шен баьччанех а, тІеман хьаькамех а дага а ваьлла, гІалин арахула долу хин хьостанаш дІадукъар юкъадалийра. Цара и дан гІо дира Хьузакх-ЯхІуна. 4Дуккха а наха, гул а белла, кІоштахула долуш долу хьостанаш а, оьхуш долу хиш а дІадуькъира. Цара олура: «Кху метте шаьш баьхкича, хин шорто хІунда каро еза ашурхойн паччахьашна?» 5ГІала чІагІъярхьама, иштта белхаш бира Хьузакх-ЯхІус: доьхна долу пенаш а меттахІиттийра, пенашна тІехула бІаьвнаш а хІиттийра, чухуларчу пенна гонах кхин а пен а дІахІоттийра, Даудан гІали чу йогІуш йолу Милло цІе йолу терхийн басенаш чІагІ а йира цо. Иштта дуккха а герз а, турсаш а кечдира цо. 6Халкъана тІехь тІеман хьаькамаш хІиттийра Хьузакх-ЯхІус. ГІалин кевнехь йолчу майданахь, халкъ шена тІе а даладайтина, цуьнан дог а оьцуш, цо элира: 7«ЧІагІлой, доьналла долуш хилалаш! Ашурхойн паччахьах а, цуьнца долчу доккхачу эскарх а кхера а ма лолаш, ийза а ма лолаш, хІунда аьлча вайца дерг дуккха а ницкъ болуш ду, цаьрца долчул. 8Цаьрца берг адамийн ницкъ бу, ткъа вайца вайн Веза Дела ву, вайна гІо а деш, вайн дуьхьа тІом а беш волу». ТІаккха яхІудхойн паччахьан Хьузакх-ЯхІун дешнаша халкъ чІагІдира.
9Цул тІаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхІудхошна а тІехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гІалина го а бина, цунна дуьхьал тІом беш вара. Цо шен хьаькамашка хІара алийтира: 10«Иштта боху шуьга ашурхойн паччахьо Санхьариба: „Шена го бина йолчу Ярушалайм-гІалахь виссал хьан бІобулуш дерг хІун ду те? 11Мацаллех а, хьогаллех а шу далийтархьама, шуьга: ‘Вайн Везачу Дала вай кІелхьардохур ду ашурхойн паччахьах’, – бохуш, шу ледой те Хьузакх-ЯхІус? 12ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: ‘СагІа доккхучу цхьана кхерчана хьалха бен Іибадат а ма де, цунна тІехь бен сагІина дийнаташ а ма дагаде’, – бохуш, оцу Далла лерина сагІа доккху гунаш а, шайна тІехь долу кхерчаш а дІадаьхна волу Хьузакх-ЯхІу вац ткъа иза? 13Шуна ца хаьа ткъа аса а, сан дайша а кхечу мехкийн къаьмнашна динарг? Оцу къаьмнийн деланашка сан карара кІелхьардахалур дарий ткъа шайн мехкаш? 14Сан дайша хІаллакдинчу къаьмнийн массо а деланех шен халкъ сан карара хьаьнга кІелхьардаккхаделира? Шун Дала сан карара муха кІелхьардохур дара шу? 15Ткъа хІинца Хьузакх-ЯхІуга шаьш иштта Іеха а ма дайта, ле а ма дайта. Ма тешалаш цунах. Нагахь санна цхьана а къоман а, цхьана а пачхьалкхан а, цхьана а делан а сан карара а, сан дайн карара а шен халкъ кІелхьардаккха ницкъ кхаьчна ца хилча, шун Дала а дохур дац шу сан карара“».
16Кхин а дуккха бехира Санхьарибан хьаькамаша Везачу Далла а, Цуьнан ялхо волчу Хьузакх-ЯхІуна а дуьхьал долу дешнаш. 17Иштта, Исраилан Веза Дела емал а веш, кехаташ а яздора Санхьариба, Цунна дуьхьал хІара дешнаш а далош: «Кхечу мехкашкахь дехачу къаьмнийн деланашка шайн халкъаш сан карара дІа ца дахадаларе терра, Хьузакх-ЯхІун Деле а кІелхьардаккхалур дац Шен халкъ сан карара». 18Пенан тІехуленна тІедаьлла лаьтта Ярушалайман халкъ кхера а дина, оза а далийтина, гІала схьаяккхархьама, яхІудхойн маттахь чІоггІа маьхьарий хьоькхура цара. 19Ярушалайман Делах лаьцна а олура цара, Иза а адамийн куьйга бинчу лаьттахь дехаш долчу кхечу къаьмнийн деланех тарвеш.
20Хьузакх-ЯхІу-паччахьо а, Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а, доІа а дина, оцу гІуллакхах лаьцна стигала хьала кхайкхам бира. 21ТІаккха Везачу Эло малик даийтира. Ашурхойн паччахьан меттаматтахь болу массо а майра эскархой а, эскаран хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а хІаллакбира цо. Санхьариб, юьхьІаьржачу а хІоьттина, шен махка юхавирзира. Шен делан цІа чу ваьлча, цуьнан шен тІаьхьенах болчара, тур а тоьхна, вийра иза.
22Иштта кІелхьарбехира Везачу Эло Хьузакх-ЯхІу а, Ярушалайман бахархой а ашурхойн паччахьан Санхьарибан а, кхечу къаьмнийн а карара. Везачу Эло массо а агІор паргІато а елира царна. 23ТІаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгІаташ а, яхІудхойн паччахьна еза хІуманаш а еара. Цул тІаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхІун сий.

 

Хьузакх-ЯхІун цомгуш хилар а, товалар а

 

(ТІаьххьарнаш 20:1-3,12-19;ЕшаІ-ЯхІу 38:1-3;39:1-8)

 

24Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхІус Везачу Эле доІа дича, тамашийна билгало[27] ярца Цо жоп делира цунна. 25Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхІус, хІунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТІаккха Дала цунна а, ЯхІудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгІазалла тІеяийтира. 26Амма Хьузакх-ЯхІу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхІус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгІазалла ца йира царна.

 

Хьузакх-ЯхІу-паччахьан хьал

 

27Хьузакх-ЯхІун дуккха а хьал а дара, иза чІогІа сийлахь а вара. Дети а, деши а, деза тІулгаш а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а, турсаш а, массо а тайпана еза пхьегІаш а чуйохку гІишлош кечйира цо. 28Иштта лаьтто луш долу сурсаташ: кІа а, чагІар а, даьтта а чудилла чоьнаш кечйира цо. Массо а тайпана бежанаш чудохка божалш кечдира, жа латто керташ а нисйира. 29ГІаланаш а дІахІиттийра цо шена. Жаш а, хьайбанаш а вуно дукха дара Хьузакх-ЯхІун, хІунда аьлча Дала дуккха а хьал деллера цунна. 30Иштта, лакхахула дІадоьду Гихьон-хи, дІа а къевлина, иза Даудан гІалин малхбузехьа агІор охьадахийтира Хьузакх-ЯхІус. Ша мел дечу гІуллакхаш тІехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхІун. 31ЯхІуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхІу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дІа ца тесира Дала иза.

 

Хьузакх-ЯхІун паччахьаллин чаккхе

 

(ТІаьххьарнаш 20:20,21)

 

32Хьузакх-ЯхІух кхидолчу гІуллакхех лаьцна – Везачу Элана иза чІогІа тешаме хиларх лаьцна – дІаяздина ду «Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна дуьхьалхІоттийна сурт» цІе йолчу а, «ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цІе йолчу а тептарш тІехь. 33Хьузакх-ЯхІу, дІа а кхелхина, шайн дайх дІакхийтира. Дауд-паччахьах схьабевллачеран къуббанаш йолчу гу тІехь дІавоьллира иза. Иза велча, ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а массо а бахархоша цуьнга болчу ларамца дІаверзийра Хьузакх-ЯхІу. Хьузакх-ЯхІун метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Маннаш.

 

ЯхІудхойн паччахь Маннаш

 

(ТІаьххьарнаш 21:1-9)

 

33

 

1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. 2Везачу Эло исраилхошна хьалхара дІалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гІуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта БаІал-харцделанашна сагІа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора цо. 4Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. 5Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. 6Маннаша шен кІентий Бен-ХІинам-тогІи чохь цІерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. 7Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а» 8Нагахь санна Аса шайна тІе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тІедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тІера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса. 9Амма ЯхІудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тІе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дІа а даьхна, хІаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.

 

Маннаша ша Далла хьалха лахвар

 

10Везачу Эло дІаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугІура. 11ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира. 12Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. 13Маннаша Везачу Эле доІа дича, Цо, дІа а хезна, Маннашан доІа тІеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дІахІоттийра. ТІаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх.
14Цул тІаьхьа Маннаша Даудан гІалин арахула болу пен юхаметтахІоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Іинан тІехула ЧІерийн ков олучу меттехула а, Іупал-гІалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахІоттийра цо гІалин пен. ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу массо а гІаланашкахь тІеман коьрта хьаькамаш дІахІиттийра цо. 15Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цІа чу дІахІоттийна цІу а дІаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цІа тІехь лаьттачу ломахь а ша дІахІиттийна сагІа доху кхерчаш дохийна, гІалин арахьа дІакхиссира цо. 16Везачу Элана лерина сагІа доккху кхерч ша хиллачу метте дІа а хІоттийна, цу тІехь бертан а, баркаллин а сагІанаш дехира Маннаша. ЯхІудхошна цо тІедиллира, Исраилан Везачу Далла Іамал е аьлла. 17Халкъо кхидІа а сагІа доккхучу гунаш тІехь сагІанаш даьхнехь а, и сагІанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.

 

Маннаша динчу паччахьаллин чаккхе

 

(ТІаьххьарнаш 21:17,18)

 

18Маннашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доІанах а, Исраилан Везачу Делан цІарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. 19Маннаша динчу доІанах а, Далла иза дІахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагІа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІиттадарх а, цо бинчу цІуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тІехь. 20Маннаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен паччахьан цІахь дІавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Амин.

 

ЯхІудхойн паччахь Амин

 

(ТІаьххьарнаш 21:19-26)

 

21Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 22Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дІахІиттийначу цІушна сагІанаш а дохура, Іамал а йора Амина. 23Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.
24Іамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цІахь иза вийра. 25Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хІаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кІант Юши-ЯхІу, паччахь а вина, дІахІоттийра.

 

ЯхІудхойн паччахь Юши-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 22:1,2)

 

34

 

1Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. 2Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тІехь лелла Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза.

 

Юши-ЯхІус бина хийцамаш

 

3Паччахьалла деш долу борхІалгІа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхІу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а цІанйира цо цигахь хиллачу халкъо Іибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гІуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цІуйх а. 4БаІал-деланашна лерина йолу сагІа доккху меттигаш а, царна тІехула хІиттийна хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а, кхиболу цІуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цІушна сагІа даьккхинчеран къуббанаш тІехула дІасаяржийра цо. 5Харц динан дайн даьІахкаш церан сагІа доккху меттигашкахь яга а йина, цІанбира Юши-ЯхІус ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а. 6Изза дира Юши-ЯхІус Маннаш-мехкан а, Эпрайм-мехкан а, ШимІа-мехкан а гІаланашкахь а, царна гонах долчу къапалгашкахь а, ур-атталла Наптал-махкана тІекхаччалц. 7Берриг а Исраил-махкахула йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а дохийна дІадехира, цІуйх а чан йира, хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохийра Юши-ЯхІус. ТІаккха иза Ярушалайме юхавирзира.

 

Товрат-хьехамийн тептар карор

 

(ТІаьххьарнаш 22:3-20)

 

8Ша паччахьалла дечу берхІитталгІачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цІа а ша цІандечу хенахь Ацал-ЯхІун кІант Шапани а, гІалин хьаькам МаІсей-ЯхІу а, йозанча волу Юахьазан кІант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхІус шен Везачу Делан цІа тодан. 9Цара, динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а бахана, Делан цІенна деана долу ахча дІаделира цуьнга. Делан цІийнан кевнехь гІарол деш лаьттачу левихоша гулдина дара и ахча. Иза маннашхоша а, эпраймхоша а, исраилхойн дерриге а дисинчу декъо а, иштта берриге а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, Ярушалайман бахархоша а деанера. 10И ахча Везачу Элан цІенна тІехь болх беш болчу белхалошна тІехьожучу нехан кара дІаделира. Ткъа цара Везачу Элан цІа, то а деш, карладоккхуш белхаш беш болчарна дІадоькъура и ахча. 11Дечиган пхьерашка а, гІишло ечаьрга а дІаделира цара ахча, яхІудхойн паччахьо талхийтинчу гІишлошна оьшу хьаькхна тІулг а, бІогІамаш дан дечиг а цаьрга эцийтархьама. 12Балха тІехь тешаме бара и нах. Царна тІехьожуш дІахІиттийна бара Мерарин тІаьхьенах болу левихой Яхьат а, Іабди-ЯхІу а. Мерарин тІаьхьенах болу левихой Яхьат а, Іабди-ЯхІу а, иштта КхахІатан тІаьхьенах болу Закри-ЯхІу а, Машулим а. Массо а левихой говза зурманчаш бара. 13Левихоша куьйгалла дора кира лелочарна тІехь а, кхиболу белхаш беш болчу берриге а белхалошна тІехь а. Иштта левихошна юкъара бара йозанчаш а, тІехьожу куьйгалхой а, кевнашкахь гІарол дийраш а.
14Цара Везачу Элан цІа долчу деана ахча схьаоьцучу хенахь, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна карийра Везачу Эло Мусагахула делла долу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар. 15ТІаккха Хьалкхи-ЯхІус йозанча волчу Шапанига элира: «Товрат-хьехамийн тептар карийна суна Везачу Элан цІа чохь». И тептар Шапанига дІаделира Хьалкхи-ЯхІус. 16Шапанис и тептар паччахьна тІедаьхьира. Иштта паччахье хаам а бира цо: «Ахьа хьан ялхошна тІедиллинарг цара дерриг а кхочушдо. 17Хьан ялхоша, Везачу Элан цІа долчохь гулделла ахча схьа а эцна, иза белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн а, белхаш беш болчеран а кара дІаделла», – аьлла. 18Йозанчо Шапанис паччахье кхин а цхьа хаам бира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга», – аьлла. Иза паччахьна хьалха дІадийшира цо.
19Товрат-хьехамийн дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедарш этІийра. 20ТІаккха динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іабданина а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а, тІе а дуьллуш, цо элира: 21«Даха а гІой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхІудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, хІунда аьлча хІокху тептаран дешнашка ладоьгІна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тІехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».
22Динан да Хьалкхи-ЯхІу а, паччахьо дІахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гІуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. 23Хьулдата цаьрга элира: «ХІара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тІе хьажийначу стаге хІара дІаала: 24‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам тІебоуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а. Царна тІехь кхочушхир ду яхІудхойн паччахьна хьалха аша дешначу тептар тІехь долу дерриге а неІалташ›’. 25Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягийна, шаьш мел лелочу хІуманца Со дар а веш, Сан оьгІазло кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу летта алу санна, хир ю. 26Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла, шаьш схьахьажийначу яхІудхойн паччахье аша дІаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 27‹Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, ахьа Далла хьалха хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха лах а луш, хьо велхарна а, Суна а хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – 28И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чохь дІавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Ас кху меттигна тІебоуьйтур болу и берриге а бохамаш›’“».
Паччахьна тІедаьхьира и жоп.

 

Юши-ЯхІус Везачу Элаца бина барт

 

(ТІаьххьарнаш 23:1-20)

 

29Юши-ЯхІу-паччахьо ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 30Паччахь Везачу Элан цІийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхІуд-мехкан дерриге а халкъ а, Ярушалайман берриге а бахархой а, динан дай а, левихой а, доллу халкъ а, уггаре ладам доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тІе кхаччалц. ТІаккха паччахьо Везачу Элан цІенна уллохь карийначу Дала халкъаца бинчу бертан тептар тІера дерриг а дешнаш дІадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо а халкъана дІа а хозуьйтуш. 31БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тІехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а. 32Шаьш и барт тІеоьцуш паччахьо чІагІо яр тІедиллира берриг а Ярушалаймерчу бахархошна а, бен-яманхошна а. Иштта, Ярушалайман бахархой шайн дайн Дела волчу Делаца бинчу барте хьаьжжина, лела буьйлабелира. 33Исраилхойн долахь болчу берриге а махкара дегаза болу цІуш дІабехира Юши-ЯхІус. Исраил-махкахь дехачу дерриге а халкъана тІедиллира цо шайн Везачу Далла Іамалъяр. Юши-ЯхІу-паччахь вехаш хиллачу массо а хенахь, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тІаьхьахІиттинчуьра дІа ца бевлира уьш.

 

Пасахь олу дезде даздар карладаккхар

 

(ТІаьххьарнаш 23:21-23)

 

35

 

1Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхІус. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь дезачу денна лерина сагІина беанчу Іахарна урс хьаькхира. 2Юши-ЯхІус динан дай дІахІиттийра шайн-шайн гІуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахІиттадора цо Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна. 3Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дІакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кІанта Сулима дІахІоттийначу Везачу Элан цІа чохь охьахІоттаде Делан деза тІорказ. ХІинца дуьйна иза дІа а, схьа а лело дезар дац аша. ХІинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гІуллакх де аша. 4Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кІанта Сулима а, яз а дина, дІахІоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дІахІитта. 5Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хІорра а декъана гІо дархьама, Делан цІийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дІахІоттае. 6Пасахьана лерина беанчу Іахарна урс хьакха кечам бе. ЦІандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Іахар шайн вежаршна кечбе».
7Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Іахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхІус, царах Пасахьан сагІанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. 8Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагІина хІума деара. Делан цІенна тІехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхІус, Закри-ЯхІус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагІина ши эзар ялх бІе Іахар белира. Кхин а кхо бІе сту а белира цо. 9Левихошна тІехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхІус а, цуьнан вежарша ШамІа-ЯхІус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхІус а, иштта ЯІиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагІина лерина пхи эзар Іахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бІе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.
10Иштта дІахІоттийнера и гІуллакх дар. Динан дай шайн гІуллакх дан дІахІиттира. Левихой а, паччахьо шайна тІедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гІуллакх дан дІахІиттира. 11Пасахьана лерина болчу Іахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Іахарех даьлла цІий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тІера цІока схьайоккхура. 12Дагоран сагІа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дІакъастийра левихоша, тІаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тІехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагІина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а. 13Хьехамаша тІедиллина ма-хиллара, Пасахьан Іахар цІартІехь беттира. Ткъа даздина долу сагІина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дІадийкъира. 14Цул тІаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагІина деанарг, хІунда аьлча АхІаронан тІаьхьенах болу динан дай буьйсанна тІаьххьалц Іийнера дагоран сагІанаш а дохуш, кхечу сагІанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхІаронан тІаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург. 15Дауда а, Асайпа а, ХІаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тІедиллина ма-хиллара, Асайпан тІаьхьенах болу зурманчаш шайн гІуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дІахІиттийра. Иштта хІора кевнан гІаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гІуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара. 16Иштта дІахІоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гІуллакх дар. Иза дІахІоттийнера, Юши-ЯхІу-паччахьо тІедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагІа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккхархьама а. 17Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тІаьхьа ворхІ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара. 18Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхІус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхІудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара. 19Юши-ЯхІус паччахьалла деш долу берхІитталгІа шо долуш даздинера и де.

 

Юши-ЯхІус паччахьалла даран чаккхе

 

(ТІаьххьарнаш 23:28-30)

 

20Цул тІаьхьа, Юши-ЯхІус Делан цІийнаца долу низам дІахІоттийначул тІаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КІаркамиш-гІалина уллохь тІом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхІу цунна дуьхьал тІом бан аравелира. 21Нахус Юши-ЯхІуна тІе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дІаала аьлла: «Суна а, хьуна а хІун ду иза, яхІудхойн паччахь? ХІинца со хьуна дуьхьал тІом бан вогІуш вац, ткъа соьца тІом латтош йолчу пачхьалкхе вогІуш ву. Дала, сихо е аьлла, тІедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама». 22Амма Юши-ЯхІус, иза волчуьра дІаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тІом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугІуш, Юши-ЯхІу МагІидда олучу аренга веара тІом бан дагахь.
23Мисархоша Юши-ЯхІу-паччахьна тІе пхерчий кхиссира. ТІаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДІавигалаш со кхузара, хІунда аьлча суна чІогІа чов хилла». 24ГІудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гІудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхІу. Иза Ярушалайме дІавигира. Цигахь Юши-ЯхІу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дІавоьллира. ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а дерриг а халкъо белхар хІоттийнера Юши-ЯхІуна.
25Ярми-ЯхІу-пайхамаро тийжамаш дІаязбира Юши-ЯхІуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхІух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
26Юши-ЯхІус динчу кхидолчу хІуманех лаьцна – Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гІуллакхех лаьцна, 27дуьххьарлерчу гІуллакхна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тІехь.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІу-Ахьаз

 

(ТІаьххьарнаш 23:30-35)

 

36

 

1ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. 2ЯхІу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. 3Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхІу-Ахьаз дІаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирІуно гІуда далар тІедожийра ЯхІуд-махкана. Иза дара ши бІе пунт дети а, ши пунт деши а. 4ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІу-Якхам

 

(ТІаьххьарнаш 23:36–24:7)

 

5ЯхІу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цо. 6Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тІе а летта, иза схьа а лаьцна, цІастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гІала дІавигархьама. 7Везачу Элан цІа чуьра пхьегІийн цхьа дакъа цо Бавел-гІала дІадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цІа чу охьаехкира уьш. 8ЯхІу-Якхама динчу кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дегаза долчу хІуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гІуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхІудхойн а паччахьийн тептар тІехь. ЯхІу-Якхаман метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант ЯхІу-Яхин.

 

ЯхІудхойн паччахь ЯхІу-Яхин

 

(ТІаьххьарнаш 24:8-17)

 

9ЯхІу-Яхинан берхІитта шо кхаьчнера, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттаххьий, итт дийнаххьий паччахьалла дира. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора ЯхІу-Яхина. 10Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу.

 

ЯхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу

 

(ТІаьххьарнаш 24:18-20;Ярми-ЯхІу 52:1-3)

 

11ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. 12ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна.

 

Ярушалайман йожар

 

(ТІаьххьарнаш 25:1-21;Ярми-ЯхІу 52:3-11)

 

13Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. 14Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тІехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гІуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь даздина долу Цуьнан цІа сийсаз а дора цара. 15Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. 16Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш.
17Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. 18Делан цІа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегІаш а, Везачу Элан цІийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хІума а Бавел-гІала дІадахьийтира цо. 19Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. 20Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира. 21И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоІуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна са а доІуш, кхузткъе итт шо дуззалц.

 

Къуреш-паччахьо яхІудхой юхаберзабе аьлла тІедиллар

 

(Іезар 1:1-4)

 

22Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а:
23«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла».

 

 

 

Іезар

Іезаран

 

тептар

 

Дешхьалхе

 

ДІаихначу шерашкахь хиллачух лаьцнарг олучу тептарна тІаьхьа догІучу Іезаран тептар тІехь дуьйцуш ду Бавел-махке йийсаре бигначул тІаьхьа яхІудхойх цхьаберш цІа берзарх а, Ярушалайм-гІалахь Далла Іамалъяран а, дахаран а карладаккхарх а лаьцна. Хиллачух лаьцна ишттачу дакъошкахь дийцина: 1) Парсихойн паччахь волчу Къуреша динчу омрица яхІудхойх хьалхара тоба Бавел-махкара цІа ерзар (1-2 кортош); 2) Делан цІа юхадар а, иза къобалдар а, Далла Іамалъяр карладаккхар (3-6 кортош); 3) Цул тІаьхьа дуккха а шераш девлча, яхІудхойн кхин цхьа тоба Ярушалайм-гІала схьаерзар (7-10 кортош). Цу тобанан тхьамда товрат-хьехамаш кІоргге хууш волу а, Іелам стаг волу а Іезар ву. Цуьнан гІоьнца наха шайн дахар, дине а, юкъаметтигашка а хьаьжжина, карладоккху, Исраилан халкъан динан тІаьхье ларъярхьама.

 

1

 

Къуреша йийсархошна ЯхІуд-махка цІа берза пурба ло

 

1Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: 2«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. 3Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. 4Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гІо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгІаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цІенна лерина долу».
5ХьалагІевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хІора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цІа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. 6Массо а лулахоша шайн лаамца гІо дора царна совгІаташца. Цара детин пхьегІашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгІаташца а гІо дора царна.
7Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. 8Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира. 9Цигара араяьхна йолу хІуманаш хІорш ю:
дешин бошхепаш – ткъе итт;
детин бошхепаш – цхьа эзар;
арсаш – ткъе исс;
10дешин кедаш – ткъе итт;
кхидолу детин кедаш – биъ бІе итт;
кхидолу кедаш – цхьа эзар.
11Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бІе детиххий, дешиххий йина пхьегІа яра. Шишбацара и хІуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дІаяьхьира.

 

Юхабирзинчу йийсархойн дукхалла

 

(Нахьми-ЯхІу 7:4-73)

 

2

 

1ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора стаг шен-шен гІала юхавирзина. 2Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна.
ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш:
3ПарІушан тІаьхьенах берш – ши эзар цхьа бІе кхузткъе шийтта стаг (2172);
4Шапат-ЯхІун тІаьхьенах берш – кхо бІе кхузткъе шийтта стаг (372);
5Арахьин тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъе пхийтта стаг (775);
6Пахьат-Муабин тІаьхьенах болчу ЮшаІан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархІ бІе шийтта стаг (2812);
7Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254);
8Затун тІаьхьенах берш – исс бІе шовзткъе пхи стаг (945);
9Закайн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъа стаг (760);
10Банин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе ши стаг (642);
11Бебайн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе кхо стаг (623);
12ІазгІадин тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе ткъе ши стаг (1222);
13Адуникхаман тІаьхьенах берш – ялх бІе кхузткъе ялх стаг (666);
14БигІвайн тІаьхьенах берш – ши эзар шовзткъе ялхитта стаг (2056);
15Іадин тІаьхьенах берш – виъ бІе шовзткъе вейтта стаг (454);
16Атари аьлла, кхин цІе йолуш волчу Хьузакх-ЯхІун доьзалера – везткъе берхІитта стаг (98);
17Бецайн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе кхо стаг (323);
18Йоврин тІаьхьенах берш – цхьа бІе шийтта стаг (112);
19Хьашуман тІаьхьенах берш – ши бІе ткъе кхо стаг (223);
20Гибарин тІаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95);
21Байтлахам-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе кхо стаг (123); 22НатІупат-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе ялхитта стаг (56); 23Іанатот-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128); 24Іазмават-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе ши стаг (42); 25Кхиръят-ЯІариман, Капира-гІалин, Баировтан бахархойн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе шовзткъе кхо стаг (743); 26Рамера а, ГибаІ-гІалин а бахархойн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе цхьа стаг (621); 27Михмасан бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе ши стаг (122); 28Бетал-гІалин а, ГІай-гІалин а бахархойн тІаьхьенах берш – ши бІе ткъе кхо стаг (223); 29Набу-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – шовзткъе шийтта стаг (52); 30МагІбиш-гІалин бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа бІе шовзткъе ялхитта стаг (156); 31Іейлам-гІала цІе йолчу вукху гІалара бахархойн тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254); 32Хьарми-гІалара бахархойн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъа стаг (320); 33Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гІалара а бахархойн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе ткъе пхи стаг (725); 34Ерихонера бахархойн тІаьхьенах берш – кхо бІе шовзткъе пхи стаг (345); 35Саниара бахархойн тІаьхьенах берш – кхо эзар ялх бІе ткъе итт стаг (3630).
36Динан дай:
Яди-ЯхІун тІаьхьенах волчу ЮшаІан доьзалера – исс бІе кхузткъе кхойтта стаг (973);
37Амиран тІаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг (1052);
38Пашихьуран тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе ворхІ стаг (1247);
39Хьармин тІаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхІитта стаг (1017).
40Левихойн тайпанах болу нах:
ЮшаІан а, Кхадмиалан а тІаьхьенах болчу ХІудав-ЯхІун доьзалера – кхузткъе вейтта стаг (74).
41Илланчаш:
Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128).
42Делан цІийнан кевнерачу гІаролхойн тІаьхьенах берш:
Шалуман а, Атарин а, ТІулманан а, Іакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе ткъайоьсна стаг (139).
43Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш:
Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а,
44Кхейрусан а, СияІан а, Падунан а,
45Либанин а, ХьагІабин а, Іакхубин а,
46ХьагІибан а, Шалмайн а, Хьананан а,
47Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхІун а,
48Рицанан а, Накхудин а, Газамин а,
49Іузин а, Писухьан а, Бесайн а,
50Аснин а, МуІаниман а, Напусиман а,
51Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
52Бацлутин а, Махьдин а, Хьарашин а,
53Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
54Нацухьан а, Хьатапин а тІаьхьенех берш.
55Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш:
Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
56ЯІлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
57Шапат-ЯхІун а, Хьатилан а, Пукрати-ХІацубайман а, Амун а тІаьхьенех берш.
58Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а верриг а кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара.
59Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гІалара а, Аддан-гІалара а, Амир-гІалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 60Дали-ЯхІун а, ТІуби-ЯхІун а, Накхудин а тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе шийтта стаг вара (652).
61Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхІун а, Къоцин а, Барзалайн а тІаьхьенех берш. (И тІаьхьарниг, Барзалай аьлла цІе тиллина вара, хІунда аьлча ГалІадарчу Барзалайн йоІ ялийнера цо, ткъа цул тІаьхьа цо и цІе шениг санна лорура.) 62И нах доьзалийн тептарш тІехь шайн цІераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тІе ца ийцира. 63ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц.
64Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бІе кхузткъа стаг вара, 65царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхІ эзар кхо бІе ткъе вуьрхІитта лай а, гІарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бІе илланча а вара. 66Цаьргахь ворхІ бІе ткъе ялхитта говр а, ши бІе шовзткъе пхиъ говр-бІарза а, 67йиъ бІе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхІ бІе ткъа вир а яра.
68И тоба Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІа долчу дІакхаьчча, доьзалийн дайх цхьаболчара шайн лаамца совгІаташ делира, хиллачу меттигехь Везачу Элан цІа карладаккхархьама. 69Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгІаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча[1] а, пхи эзар мин дети ахча[2] а, цхьа бІе динан дайша лелош йолу бедарш а елира.
70Иштта динан дай а, левихой а, кхиболу нах а шайн-шайн гІаланашкахь[3] баха охьахевшира. Царна юкъахь бара илланчаш а, Делан цІийнан кевнера гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. Ткъа Исраилан важа долу халкъ шайн-шайн гІаланашкахь даха охьахиира.

 

3

 

СагІа доккхуш болу кхерч меттахІоттор

 

1Шеран ворхІалгІа бутт тІекхаьчча, Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь даха охьахиинера. Уьш массо а Ярушалаймехь цхьаъ хилла вовшахкхийтира. 2Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. 3Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дІахІоттийра. Цул тІаьхьа Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІиттира уьш. 4Цул тІаьхьа, товрат-хьехамашна тІехь ма-хиллара, кхалорийн деза денош[4] дІахІиттийра цара. ХІора денна лерина долу дийнаташ дагоран сагІанаш дехира цара. 5Цул тІаьхьа хІора дийнахь доху дийнаташ дагоран сагІанаш а, бутт цІинлучу хенахь доху сагІанаш а, кхидолу Везачу Элана лерина долу деза денош билгалдохучу хенахь доху сагІанаш а, шайн лаамца доху сагІанаш а даха хІиттира уьш. 6Иштта шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу деношкахь исраилхоша юха а дийнаташ дагоран сагІанаш даха долийра, Делан цІийнан бух хІинца а бина бацахь а.

 

Делан цІа юхаметтахІотто доладо

 

7Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчара тІулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цІаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хІорда тІехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дІадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тІехь пурба деллера. 8Ярушалаймехь лаьттачу Делан цІа долчу шаьш схьадаьхкина шолгІачу шеран шолгІачу баттахь Шалтаалан кІанта Зурбабела а, ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а болх дІаболийра. Цаьрца бара церан гергарнаш: динан дай а, левихой а, йийсарера Ярушалайме юхабирзина болу берриг нах а. Цара шайна юкъара ткъа шарал хан тІехъяьлла болу левихой хаьржира Делан цІа дечу белхалошна тІехь куьйгалла латтадайта. 9ЮшаІ а, цуьнан вежарий а, кІентий а, иштта Кхадмиал а, цуьнан кІентий а (уьш ХІудав-ЯхІух[5] схьабевллера) бара Делан цІенна тІехь беш болчу балхана тІехь куьйгалла деш. Иштта цаьрца бара левихой болу Хьенидадан кІентий а, церан вежарий а, кІентий а.
10ГІишлоярхой Делан цІийнан бух боьттина бевлира. ТІаккха динан дайша, шайн духарш тІе а дуьйхина, турбанаш каралецира, ткъа левихо волчу Асайпин кІенташа схьаийцира шинна а куьйгаца вовшахдетташ долу цІестан жима негІарш. Цара массара а шайн-шайн меттигаш дІалецира Везачу Элана хастамаш бан. И хІума цара Исраилан паччахь хилла волчу Даудан весетаца дира. 11Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дІаолура:
«Веза Эла ма дика ву,
массо а ханна бу Исраилан халкъе болу
Цуьнан хедар боцу безам».
Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хІунда аьлча Делан цІийнан бух боьттина баьллера. 12Амма хан яьлла а, хьалха кхузахь хилла долу Делан цІа гина а дукхахболу динан дай а, левихой а, тайпанийн тхьамданаш а, керлачу Делан цІийнан бух боьттина шайна гича, мохь а бетташ, боьлхуш бара. Ткъа вукхарах дукхахболчара хазахетарца маьхьарий деттара. 13Царна юкъахь къасталуш дацара боьлхуш болчеран а, хазахетарца маьхьарий детташ болчеран а аьзнаш, хІунда аьлча геннара схьахезаш дара церан аьзнаш.

 

4

 

Делан цІа юхаметтахІотторна дуьхьалбовлар

 

1ЯхІудхойн а, бен-яманхойн а мостагІашна дІахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цІа деш бу аьлла. 2Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тІе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хІунда аьлча тхо а ду шун Далла Іамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагІанаш дохуш ду».
3Амма Зурбабела а, ЮшаІа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХІан-хІа, аша бийр бац тхоьца Делан цІа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цІа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тІе-ма-диллара».
4ТІаккха оцу махкахь Іаш хиллачу нахана яхІудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цІа кхин дІа ца дайтархьама. 5Цара хьехамчаш лецира, уьш яхІудхошна дуьхьалбахархьама. И хІума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша[6] паччахь дІахІотталц.

 

Ярушалайм юхаметтахІотторна дуьхьалдаккхар

 

6Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхІудхойн мостагІаша Ярушалайман а, ЯхІудан а бахархой бехкебеш кехат яздира.
7Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дІахІоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхІудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера[7].
8ТІаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:
9«Кехат дІаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Іейлам-махкахь йолчу Шушан-гІалара а. 10Цаьрца цхьаьна дІаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дІабигна болчу».
11ХІара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам:
«Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агІонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара. 12Паччахьна дІахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхІудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гІала юхаметтахІотто гІерташ бу. Цара хІинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш. 13Нагахь санна и гІала юхаметта а хІоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду. 14Иштта, паччахьан цІен тІера алапаш тхуна луш долу дела[8], тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хІара кехат яздо хьоьга. 15Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дІаяздайтинчу тептарш тІе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гІала хиларан тоьшалла. И хІума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гІалахь гІаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина. 16Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гІалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадІахІоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац».
17Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира:
«Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гІалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агІонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а. 18Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дІадешна. 19Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дІаяздайтина долчу тептарш тІехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гІаттамаш хилла. 20Ярушалаймехь чІогІа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гІалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агІонгахь мел долчу латтанаш тІехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла. 21Ткъа аша хІинца цу нахана тІедилла деза, Ярушалайм юхаметтахІоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла. 22Ларлолаш, цу хІуманна тІехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хІума сов ма далийталаш!»
23Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дІадешна ма-делли, цара, сихха яхІудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира.

 

Делан цІа юхаметтахІоттор юха а доладар

 

24Ярушалаймехь долчу Делан цІенна тІехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгІа шо доладаллалц.

 

 

5

 

1Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Іидун кІант Закри-ЯхІу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цІарах ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхІудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. 2ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.
3Цу хенахь царна тІевеара Эпрат-хил малхбузехьа долчу латтанашна тІехь хьаькам волу Татинай. Цуьнца цхьаьна Шатар-Бузнай а вара, шеца цхьаьна куьйгалхой а болуш. Цара Зурбабеле а, ЮшаІе а хаьттира: «Шуна хьан бакъо елла хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина довлийта а?» – аьлла. 4ТІаккха оха дІайийцира царна и гІишло еш болчеран цІераш. 5Амма Дела яхІудхойн тхьамданаш ларбеш вара. Цара шайн болх саца ца бира, шаьш Дари-Ваша-паччахье хаам дІа а бахьийтина, цунна дуьхьал шайна жоп даллалц. 6Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тІехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. 7Кехатан чулацам хІара бу:
«Боккхачу машарехь Іойла хьо, Дари-Ваша-паччахь! 8Паччахьна дІахоийла тхо яхІудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цІа дахана хилар. ЯхІудхоша и цІа даккхийчу тІулгех деш ду, цу тІулгашна юккъе дечиган дукъош а хІиттош. ЯхІудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо. 9Оха церан тхьамданашка хаьттира: „Шуна хьан елла бакъо хІара Делан цІа дан а, кхуьнан пенаш дина далийта а?“ – аьлла. 10Цул сов, оха церан цІераш а хаьттира. Тхан Іалашо яра церан цІераш дІаязъяр, церан коьртехь берш хьуна бовзийтархьама. 11Цара тхоьга делла долу жоп иштта дара: „Стигалан а, лаьттан а Дела Волчун леш ду тхо. Дуккха а шераш хьалха дина долу Делан цІа юхаметтахІоттош ду тхо. ХІара цІа Исраилан халкъан сийлахьчу паччахьо дина чекхдаьккхина а ду. 12Амма тхан дайша стигалара Дела оьгІазвахийтира. ТІаккха Дала Бавел-мехкан паччахь волчу хашадхочун Набухди-Нецаран кара дІабелира тхан дай. Набухди-Нецара Делан цІа доха а дина, халкъ Бавеле дІадигира. 13Амма ша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Бавелан паччахь волчу Къуреша леррина омра дира, Делан цІа юхаметтахІоттаде аьлла. 14Набухди-Нецара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра ара а яьхна, Бавелехь долчу деланийн цІа чу яьхьна йолу дешин а, детин а пхьегІаш, Къуреша, юха а Бавелехь долчу деланийн цІа чуьра ара а яьхна, ЯхІудан мехкада хІоттийна волчу Шишбацаре дІаелира. 15Къуреша Шишбацаре элира: ‘ХІара дешин а, детин а хІуманаш, схьа а эций, Ярушалаймехь долчу Делан цІа чу юха дІахьо. Ткъа Делан цІа ша хьалха хиллачу меттехь дІахІоттаде’. 16ТІаккха Шишбацара, юха схьа а веана, Ярушалаймехь Делан цІийнан бух боьттира. ХІетахь дуьйна схьа и цІа деш а ду, хІинца а дина далаза а ду“. 17Нагахь санна хьайн лаам хилахь, Бавелехь долчу паччахьийн тептарш тІехь дІаяздинарг лахийта, Къуреш-паччахьо баккъал а, Ярушалаймехь Делан цІа дан мегар ду аьлла, пурба делла хилар хаархьама. Цул тІаьхьа тхоьга кехат даийтахьара ахьа, цу гІуллакхна тІехь хьан лаам муха бу тхуна дуьйцуш».

 

6

 

Къуреш-паччахьо дина омра тептарш тІехь карадар

 

1Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тІедиллира, Бавел-гІалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дІадиллина долчу тептарш тІера цу хІуманах лаьцна дІаяздинарг схьалаха аьлла. 2Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гІалин паччахьан цІа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тІехь яздина хилла:
«Диц ца далийта:
3Шен паччахьалла дІахІоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цІийнах лаьцна омра дира. СагІанаш доху меттиг санна Делан цІа дІахІоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цІийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза. 4Цу цІийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тІулгех динчу кхоккха могІарна тІе дечиган бІогІамех бина цхьа могІа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза. 5Делан цІенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегІаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра схьа а эцна, Бавел-гІала дІаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цІа чу юхаерзо еза. Царах йолу хІора хІума Делан цІа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».

 

Дари-Ваша-паччахьо Делан цІа кхидІа а дан тІедиллар

 

6Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дІадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагІерта ца беза. 7Делан цІенна тІехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхІудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цІа ша хьалха хиллачу метте дІахІоттаде. 8Делан цІа деш болчу яхІудхойн тхьамданашна гІо дар аса шуна тІедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хІума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цІен тІехь болх беш болчу нахана дІало и болх цаьрга саца ца байта. 9Цу нахана царна оьшуш мел долу хІума дІало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагІанаш даха эсий, уьстагІий я Іахарш эшахь, царна уьш дІало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кІа а, туьха а, чагІар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хІора дийнахь дІало. 10ЯхІудхойн динан дайшна и шадерг а дІало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагІанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а дахарна тІера доІанаш дайта а.
11Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хІара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цІийнах боллуш болу бІогІам схьа а баьккхина, иза цу бІогІамана тІевогІа. И зулам бахьана долуш цуьнан цІенойх саьлнаш ян еза. 12Ярушалайм Шен цІе язъян хаьржинчу Дала таІзар дойла хІара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цІа дохо шен куьг дІакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а.
Аса, Дари-Вашас, хІара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хІара кхочушдойла».

 

Делан цІа дина далар а, иза къобалдар а

 

13ТІаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора. 14ЯхІудхойн тхьамданаша Делан цІа даран балха тІехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Іидун кІант волчу Закри-ЯхІус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хІиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тІедиллинарг. 15Делан цІа дина делира Адар-беттан кхозлагІчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгІачу шарахь. 16Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цІа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а. 17Делан цІа къобалдечу хенахь цара Далла сагІа доккхуш бІе сту а, ши бІе уьстагІ а, биъ бІе Іахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагІа даккха цара шийтта бож а ялийра – хІора Исраилан тайпанан цІарах – цхьацца бож. 18Цул тІаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тІехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цІа долчохь гІуллакх дан дІахІиттийра.

 

Пасахь олу дезде

 

19Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхІудхоша «Пасахь» олу дезде даздира. 20Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Іахаршна урс хьаькхира. 21Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Іибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хІуманех шаьш дІакъастийначара а йоура Пасахьан юург. 22ВорхІ дийнахь чІогІа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хІунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан[9] дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цІа дан гІо дайтира Цо.

 

7

 

Іезар Ярушалайме вогІу

 

1Дикка хан яьллачул тІаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гІалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхІун кІант волчу Іазар-ЯхІун кІентан Сари-ЯхІун кІант волу Іезар. 2Хьалкхи-ЯхІу Шалуман кІант хилла, Шалум ЦІадукъин кІант хилла, ЦІадукъа Ахьтубин кІант хилла, 3Ахьтуби Амар-ЯхІун кІант хилла, Амар-ЯхІу Іазар-ЯхІун кІант хилла, Іазар-ЯхІу Маръютин кІант хилла, 4Маръюти Зарахь-ЯхІун кІант хилла, Зарахь-ЯхІу Іузин кІант хилла, Іузи Букхайн кІант хилла, 5Букхай АбишуІан кІант хилла, АбишуІ Пайнехьасан кІант хилла, Пайнехьас ЭлиІазаран кІант хилла, ткъа ЭлиІазар динан коьрта да волчу АхІаронан кІант хилла.
6Іезар Бавел-гІалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Іелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Іезарна цо мел дехна долу массо а хІума делла хилла, хІунда аьлча Веза Эла Іезарца хилла. 7Іезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гІаролхой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхІалгІачу шарахь схьабаьхкира. 8Іезар Ярушалайм-гІала схьавеара Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ворхІалгІачу шеран пхоьалгІачу баттахь. 9Іезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гІалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гІала схьабаьхкинера пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, хІунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. 10Иза иштта хилира, хІунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Іаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а хьехарна а тІедерзийнера.

 

Артахь-Шаштас Іезаре кехат яздо

 

11Динан да а, Іелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тІедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Іезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХІара бу цу кехатан чулацам:
12«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а[10].
13Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дІаваха мегар ду. 14Сан а, сан ворхІ хьехамчийн а цІарах вахийтина ма ву хьо ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама. 15Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цІа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагІина делла деши а, дети а хьайца дІадахьа деза ахьа. 16Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цІенна сагІина дІаделларг а хьайца дІахьо. 17Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагІий а, Іахарий а иштта кІа а, чагІар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цІийнан кертахь сагІа доккхучу кхерча тІехь и массо а хІуманаш сагІина ло. 18Хьуна а, хьан накъосташна а тІаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь. 19Делан цІа чохь гІуллакх дан хьайга дІаелла йолу пхьегІаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дІа а хьой, охьахІиттае. 20Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цІенна оьшуш мел долу хІума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дІадахьа.
21Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тІедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Іезара дІадеххнарг, мало а ца еш, дІало. 22Цхьа бІе гали дети а, пхи бІе гали кІа а, ворхІ бІе чами чагІар а, ворхІ бІе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Іезаре дІадала мега. 23Стигаларчу Дала Шен цІенна мел дехнарг Цунна леррина дІадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кІенташна а оьгІаз ца вахийта. 24Кхин цхьа хІума а ду сан хьоьга дІахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цІийнан кевнера гІаролхочуьнгара а, иштта Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац.
25Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш. 26Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Іедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таІзар дан догІуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дІаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».

 

Іезара Далла хастамаш бо

 

27Іезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан иштта сийде аьлла. 28Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гІо дарна, со иракара а хІоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».

 

8

 

Йийсарера юхабирзинарш

 

1ХІорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Іезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тІехь аса дІаязбинчеран а цІераш:
2Пайнехьасан тІаьхьенах – ГІиршан;
Итамаран тІаьхьенах – Даниал;
Даудан тІаьхьенах – Хьатуш;
3Шихан-ЯхІун тІаьхьенах берш;
ПарІушан тІаьхьенах – Закри-ЯхІу а, цуьнца цхьаьна цхьа бІе шовзткъе итт дІаязвина боьрша стаг а;
4Пахьат-Муабин тІаьхьенах – Зарахь-ЯхІун кІант Эли-ЯхІу-Іейни а, цуьнца ши бІе боьрша стаг а;
5Затун тІаьхьенах – Яхьазиалан кІант Шихан-ЯхІу а вара, цуьнца кхо бІе боьрша стаг а;
6Іадин тІаьхьенах – ЯхІунатин кІант Іабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а;
7Іейламан тІаьхьенах – Іатал-ЯхІун кІант ЯшаІ-ЯхІу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;
8Шапат-ЯхІун тІаьхьенах – Микаалан кІант Забди-ЯхІу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а;
9Йоабан тІаьхьенах – Яхьиалан кІант Іабди-ЯхІу а, цуьнца ши бІе берхІитта боьрша стаг а;
10Банин тІаьхьенах – Юсуп-ЯхІун кІант Шалумати а, цуьнца бІе кхузткъа боьрша стаг а;
11Бебайн тІаьхьенах – Бебайн кІант Закри-ЯхІу а, цуьнца ткъе бархІ боьрша стаг а;
12ІазгІадин тІаьхьенах – ХІакхитанан кІант Йохьан а, цуьнца бІе итт боьрша стаг а;
13Адуникхаман тІаьхьенах тІаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯІиал, ШамІа-ЯхІу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а;
14БигІвайн тІаьхьенах – Іутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а.

 

Ярушалайме юхаберзар

 

15Аса АхІава-гІала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара. 16ТІаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиІазаре а, Ариале а, ШамІа-ЯхІуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхІуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Іелам нах болчу ЯхІу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира. 17Аса и нах Касипай-гІалин куьйгалхо волчу Іидуна тІе бахийтира, цара Іидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дІаала дезарг дІа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийраш бу. Аса и нах Іиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цІа долчохь гІуллакх дайтархьама. 18Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Іидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхІу ваийтира. Иза Левин кІант волчу Махьлин тІаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кІентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхІу а, цуьнан кІентІий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхІитта стаг веара тхо долчу. 19Цара иштта Мерарин тІаьхьенах волу Хьашби-ЯхІу а, ЯшаІ-ЯхІу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара. 20Цара иштта ши бІе ткъа Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тІеман хьаькамаша а левихошна гІо дан хаьржина хилла. Церан цІераш массеран а цІерашна юкъахь дІаязйина хилла.
21Цигахь, АхІава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дІаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла. 22Тхан некъаш тІехь мостагІий хила мегара, делахь а суна чІогІа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хІунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хІора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгІазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». 23Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира.
24Цул тІаьхьа куьйгалла деш болчу динан дайшна юкъара аса шийтта схьахаьржира. Цул сов Шараб-ЯхІу а, Хьашби-ЯхІу а, церан гергарчарах итт а схьакъастийра ас. 25Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цІенна дІаделла долу деши а, дети а, пхьегІаш а. 26Оьзначул тІаьхьа аса церан кара хІара дІаделира:
дети – ялх бІе шовзткъе итт мазал;
детин пхьегІаш – бІе;
деши – бІе мазал;
27дешин кад – ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал);
дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цІестан пхьегІа – шиъ.
28Цул тІаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хІара пхьегІаш а, Везачу Элана дІа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХІара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгІаташ ду. 29И хІуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цІийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц». 30Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегІаш а шайга дІаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цІа чу дІаяхьа.
31Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш. 32Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьІира. 33ДоьалгІачу дийнахь оха, Делан цІа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегІаш а динан да волчу УръяхІун кІанте Мармутига дІаелира. Мармутица Пайнехьасан кІант ЭлиІазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаІан кІант Юзабди а, Бинуйн кІант НуІад-ЯхІу а вара. 34Оха массо а хІума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дІаязйира.
35Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагІанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагІ а, кхузткъе вуьрхІитта Іахар а сагІина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагІа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагІанаш санна еара Везачу Элана. 36Цул тІаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дІаделира и паччахьан весеташ. ТІаккха цу куьйгалхоша гІо дира Исраилан халкъана а, Делан цІенна а.

 

9

 

Исраилхоша шайна кхечу халкъийн зударий балийнийла Іезарна дІахаар

 

1И хІума чекхдаьллачул тІаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаІанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Іамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Іаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гІуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дІа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а. 2Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». 3И дешнаш сайна хезча, аса сайна тІейоьхна йолу тІехулара а, чухулара а бедарш этІийра, сайн коьртара а, маж тІера а чоьш а дехира. Со чІогІа гІайгІане хилла охьахиира. 4ТІаккха, йийсарера юхабирзинчара леладо хьарам гІуллакхаш бахьана долуш, Исраилан Дала аьллачунна вегош мел волу стаг со волчу схьагулвелира. ЧІогІа гІайгІане волу со суьйранна сагІа доккху хан тІекхаччалц Іийра.
5Суьйранна сагІа доккху хан тІекхаьчча, со хьалагІаьттира. Сан тІехулара а, чухулара а бедарш этІийна яра. Гора а хІоьттина, аса сайн Везачу Деле куьйгаш дІакховдийра. 6Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. 7Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура.
8Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. 9Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цІа дохийначуьра юхаметтахІотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а тхо хІинца маьршачу пенашна тІехьа Іало.
10Ткъа хІинца, тхан Дела, оха хІун эр ду Хьоьга, Ахьа тІедиллинчунна тІера тхо дІадевлла хилча? 11Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дІадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Іаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гІуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хІуманаш а лелош, церан боьхачу гІуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. 12Цундела шайн кІенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дІа а ма дигийта. Цу нахах дІа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хІара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. 13Тхайна тІехІоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тІехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таІзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кІезиг таІзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кІелхьардовла пурба а делира. 14Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хІаллакдал чІогІа оьгІаз муха гІур вац Хьо? ТІаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кІелхьар а вер вац. 15Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!»

 

10

 

Эдина маренаш дІадахаран хьокъехь бина барт

 

1Делан цІенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Іезара доІа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чІогІа боьлхуш бара. 2ТІаккха Іейламан тІаьхьенах волчу Яхьиалан кІанта Шихан-ЯхІус Іезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хІума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина. 3Ткъа хІинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хІара зударий а, цара дина долу бераш а оха дІадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тІелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара. 4ХьалагІатта, Іезар, хІунда аьлча хІара хьан гІуллакх ду, оха хьоьгахьа гІо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гІуллакх чекхдаккха!»
5Іезар хьалагІаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чІагІо яйтира, цара Шихан-ЯхІус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чІагІо йира. 6Цул тІаьхьа Іезар, Делан цІенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кІентан ЯхІу-Хьанин цІа чу вахара. Цу чохь яа хІума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хІунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чІогІа гІайгІане вара иза.
7Цо берриг а ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла. 8Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дІавоккхуш хилла. 9Кхо де дІадалале, ЯхІуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгІачу беттан ткъолгІачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цІенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Іаш дара. ГІуллакхан дозаллина а, догІуш догІа хиларна а уьш чІогІа бегош бара.
10Динан да волчу Іезара, хьала а гІаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хІума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла. 11Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукІарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дІакъаста».
12ТІаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чІогІа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха. 13Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хІинца догІанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хІума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хІунда аьлча оцу къилахьчу гІуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу. 14Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гІаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гІалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гІуллакхна Дела оьгІазваханчуьра ваставаллалц». 15Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ІасахІалан кІант ЯхІуната а, Тикхавин кІант Яхьзи-ЯхІу а вара. Цу шинна тІетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара.
16Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХІора доьзалера цІийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Іезара. ХІора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хІораннан а цІераш ехира цо. Шеран уьтталгІачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хІора доьзалера долу гІуллакхаш талла. 17Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гІуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира.

 

Шайна кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш

 

18Динан дайн тІаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цІераш хІорш ю:
ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан тІаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаІсей-ЯхІу а, ЭлиІазар а, Ярби а, Гадал-ЯхІу а.
19Цара массара а дош делира шайн зударех дІакъаста. Цул тІаьхьа цара хІорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагІ гІуда такхаран сагІа санна бахьара.
20Амиран тІаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхІу а;
21Хьармин тІаьхьенах болу МаІсей-ЯхІу а, Эли-ЯхІу а, ШамІа-ЯхІу а, Яхьиал а, Іузи-ЯхІу а;
22Пашихьуран тІаьхьенах болу ЭлъюІейнай а, МаІсей-ЯхІу а, ИсмаьІал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиІаса а;
23Левихойх болу Юзабди а, ШамаІи а, Кхали-ЯхІу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхІу а, ЯхІуд а, ЭлиІазар а;
24Илланчашна юкъара Элишуб а хилла.
Делан цІийнан кевнера гІаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла.
25Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла:
ПарІушан тІаьхьенах волу Рами-ЯхІу а, Язи-ЯхІу а, Малки-ЯхІу а, Мияман а, ЭлиІазар а, Малки-ЯхІу а, БенъяхІу а.
26Іейламан тІаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхІу а, Закри-ЯхІу а, Яхьиал а, Іабди а, Еримати а, Эли-ЯхІу а.
27Затун тІаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюІейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхІу а, Еримати а, Забад а, Азази а.
28Бебайн тІаьхьенах болчарна юкъара: ЯхІу-Хьана а, Хьанан-ЯхІу а, Забай а, Іатилай а.
29Банин тІаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Іади-ЯхІу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а. 30Пахьат-Муабин тІаьхьенах болчарна юкъара: Іаднан а, Калил а, БенъяхІу а, МаІсей-ЯхІу а, Матан-ЯхІу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а.
31Хьармин тІаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиІазар а, Йоши-ЯхІу а, Малки-ЯхІу а, ШамІа-ЯхІу а, ШимІа а, 32Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхІу а.
33Хьашуман тІаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаІи а.
34Банин тІаьхьенах болчарна юкъара: МаІдай а, Іамрам а, Уал а, 35БенъяхІу а, Беди-ЯхІу а, ХелихІу а, 36Вани-ЯхІу а, Мармути а, Элишуб а, 37Матан-ЯхІу а, Матинай а, ЯІсай а.
38Бинуйн тІаьхьенах болчарна юкъара: ШамаІи а, 39Шалам-ЯхІу а, Ната а, Іади-ЯхІу а, 40Махнидбай а, Шашай а, Шарай а, 41Іазариал а, Шалам-ЯхІу а, Шамри-ЯхІу а, 42Шалум а, Амар-ЯхІу а, Юсуп а.
43Набун тІаьхьенах болчарна юкъара: ЯІиал а, Матит-ЯхІу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхІу а.
44Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара[11].

 

 

 

Нахьми-ЯхІу

Нахьми-ЯхІун

 

тептар

 

Дешхьалхе

 

Нахьми-ЯхІун тептар деа декъе декъа тарло: 1) Нахьми-ЯхІу Ярушалайм-гІала юхаверзар. Парсихойн паччахьо иза цига дІавахийтар, ЯхІуд-махкана тІехь куьйгалла дайтархьама (1-2 кортош); 2) Ярушалайман пенаш юхаметтахІиттор (3-7 кортош); 3) Дала белла товрат-хьехамаш нахана хьалха Іезара дІабешар а, ша летийначу къиношна халкъ къера хилар а (8-10 кортош); 4) ЯхІуд-мехкан куьйгалхочо санна Нахьми-ЯхІус дина кхидолу хІуманаш (11-13 кортош).
Нахьми-ЯхІу кІоргга Делах везаш хилар а, дерриг а доІанаш цо Цуьнга деш хилар а тептар тІехь къаьсттина гуш ду.

 

 

1

 

1ХІара дешнаш Хьахли-ЯхІун кІант волчу Нахьми-ЯхІун ду:

 

Ярушалайм бахьана долуш Нахьми-ЯхІу гІайгІанехь Іаш хилар

 

Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гІалин гІопахь нисвеллера. 2Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхІуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кІелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхІудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса. 3Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду». 4И хІума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доІанаш дора аса. 5ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира:
«Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! 6Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса. 7Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дІаделла долу весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха. 8Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду. 9Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.
10Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргІатдаьккхина долу. 11Ва Хьалдолу Эла, Хьан цІеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доІанашка дикка ладогІахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш».
Со паччахьан чагІардуттург вара.

 

2

 

Нахьми-ЯхІу Ярушалайме дІавахар

 

1Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагІар чудеара. Аса и чагІар, схьа а эцна, паччахье дІакховдийра. Со гІайгІанехь вара. ХІинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, 2цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хІунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гІайгІане хилар».
Со чІогІа кхеравелира. 3ТІаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГІайгІанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дІабоьхкина йолу гІала йохийна лаьтташ хилча, цу гІалин кевнаш а дагийна хилча!»
4ТІаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хІун лаьара?»
Айса жоп далале, аса стигаларчу Деле доІа дира. 5Цул тІаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхІуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гІала а вахана, и гІала юхаметтахІоттор яра аса».
6ТІаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Іаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогІур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дІааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта.
7Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхІуд-махка со маьрша дІакхачийтархьама. 8Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цІа долчохь йолчу гІопан кевнаш а, гІалин пен а, со чохь Іийр волу цІа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хІума суна делира.
9Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дІаделира аса. Паччахьо соьца тІемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера. 10И хІума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а чІогІа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар.

 

Нахьми-ЯхІус Ярушалаймана гонахара долу пенаш таллар

 

11Ярушалайме схьакхаьчначул тІаьхьа, аса цигахь кхо де даьккхира. 12Цул тІаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тІехиъна йолу вир йоцург. 13Иштта, буьйсанна со ТогІин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дІа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дІавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цІарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира. 14Цул тІаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Іома тІе а вахара. Амма со цига улло тІевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла. 15Оццу буьйсанна со, тогІи чухула хьала а ваьлла, гІалин пене хьаьжира. ТІаккха со, юха а ТогІин кевнна чухула а ваьлла, юхавирзира.
16Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хІун леладо а. Я яхІудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тІехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хІумма а дІа ца хаийтинера. 17Ткъа хІинца аса цаьрга элира: «Шуна гуш бу-кх вайгахь болу бала. Ярушалайм хІуй-пака а яьккхина лаьтташ ю, ткъа гІалин кевнаш дагийна дІадаьхна. Даха а гІой, Ярушалайман пенаш юхаметтахІиттаде вай. ТІаккха вай хІокху тайпана юьхьІаьржа хир дацара». 18Аса цу нахе дІадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а.
ТІаккха цу наха элира: «Вай болх дІаболо беза!» Иштта цара и хьанал болх дІаболийра.
19Амма хьоронхо волу Санбулат а, Іамминхойн мехкада волу ТІуби-ЯхІу а, Іаьрбихо волу ГІишам а, шайна и хІума дІахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХІун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гІерташ ду?»
20Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гІала юхаметтахІоттор дІадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Іамал ян а бакъо яц шун!»

 

3

 

Ярушалайман пенаш юхаметтахІотторан балха тІехь дакъалоцурш

 

1Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гІевттина, УьстагІийн ков юхаметтахІоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неІарш дІахІиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дІахІоттийра Меа цІе йолчу бІаьвнна тІера Хьананиал цІе йолчу бІаьвнна тІе кхаччалц. Цул тІаьхьа цу гІалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.
2Динан дайшна уллохь гІалин пен буттуш ерихонхой а бара.
Ткъа царна уллохь гІалин пен буттуш Имарин кІант Закхур а вара.
3ХІасинаан кІенташа ЧІерийн ков юхаметтахІоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, царна догІанаш а, гІораш а дехкира цара.
4Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхІун кІанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхІу Къоцин кІант вара.
Берех-ЯхІун кІанта Машулима царна уллора пенан дакъа хьаладоьттира. Берех-ЯхІу Маши-Забиалан кІант вара.
БаІнин кІанта ЦІадукъас царна уллохь долу пенан дакъа дира.
5ТакхоІан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахІоттийра. Амма ТакхоІан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тІедиллинчу гІуллакхах куьг ца туьйхира.
6Ишана цІе йолу ков[1] тодеш Писухьан кІант ЯхІу-ЯдаІ а, Басуди-ЯхІун кІант Машулим а вара. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а туьйхира цара.
7Царна уллохь пенаш тодеш гавІонхо волу Малти-ЯхІу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гІо дора ГавІонарчу а, МицІпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІехь волу мехкада МицІпахь Іаш вара.)
8Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихІа-ЯхІун кІант Іузиал.
Ткъа цунна уллохь болх беш вара хаза хьожа йогІу хьакхарш а, духІиш а кечдеш волу говзанча Хьанан-ЯхІу. Шуьйра пен болчу кхаччалц гІалин пенаш хьаладира цара.
9Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кІант волчу Рапи-ЯхІус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.
10Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кІант Яди-ЯхІу. Цо шен цІенна уллохь долу пенан дакъа тодира.
Ткъа цунна уллохь долу дакъа Хьашбин-ЯхІун кІанта Хьатуша тодира.
11Хьармин кІанта Малки-ЯхІус а, Пахьат-Муабин кІанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бІов а тойира.
12Царна уллохь долу дакъа тодира ХІалухьешан кІанта Шалума, цуьнан йоІарша гІо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза.
13ТогІин ков тодеш вара Хьануни цІе йолу стаг а, иштта Занухь-гІалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тІекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара.
14Кхеллин ков Рахбин кІанта Малки-ЯхІус тодира. Малки-ЯхІу Байт-КІарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо.
15Кала-Хьозин кІанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицІпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тІехь тхов бира цо. Иштта, неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цо. И хІума ша дина ваьллачул тІаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Іомана уллохь болу гІалин пен тобира, Даудан гІалара охьавогІучохь долу тІегІанашна тІе кхаччалц.
16Цунна тІехьа долу пенан дакъа тодеш Іазбукъан кІант Нахьми-ЯхІу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тІехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дІа охкуш баьккхина болчу Іомана тІе кхаччалц а, цигара дІа Турпалхойн цІенна тІе кхаччалц а.
17Цунна тІехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кІентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара.
Ткъа царна уллохь долу дакъа тодеш Хьашби-ЯхІу вара. Иза КъаІилан ахдекъана тІехь хьаькам вара. Шен ахдекъера долчу адамашца пен тобеш вара иза.
18Церан вежарша цунна уллохь долу дакъа а тодира. Уьш Хьенидадан кІентан Бавайн куьйгаллина кІелахь болх беш бара. Ткъа иза КъаІилан шолгІачу декъана тІехь хьаькам вара.
19ЮшаІан кІанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицІпана тІехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тІера дуьйна гІалин пенан маьІигна тІе кхаччалц пен тобира.
20Цунна уллохь Забайн кІанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьІиг тІера коьрта динан да волчу Элишубан цІенна тІе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо.
21Къоцин кІентан УръяхІун кІант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цІа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цІийнан маьІигна тІе кхаччалц йолу меттиг яра.
22Цунна тІехьа долу дакъа гІалина гонах бехаш болчу динан дайша тодира.
23Царна тІехьа шайн цІеношна дуьххьал долу пенан дакъа Бен-Ямана а, Хьашубис а тодира.
Іанан-ЯхІун кІентан МаІсей-ЯхІун кІанта Іазар-ЯхІус шен цІенна уллора дакъа тодира.
24Цунна тІехьа Хьенидадан кІанта Бинуйс Іазар-ЯхІун цІенна тІера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дІа цуьнан маьІиге кхаччалц а тобира пен.
25Цунна тІехьа Узайн кІант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бІаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цІенош долчохь, цуьнан гІаролхой Іаш болчу уьйтІена генахь йоццуш.
Цунна тІаьхьа ПарІушан кІанта Пади-ЯхІус а, 26Іупалахь Іаш а болуш, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тІера арайолучу бІаьвнна тІе кхаччалц.
27Царна тІехьа, пенна тІера арайолучу йоккхачу бІаьвнна тІера Іупалан пенна тІе кхаччалц долу важа дакъа такхоІхоша тодира.
28Динан дайша Говрийн кевнна тІера долу пенан дакъа тодира. ХІора динан дас шен цІенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира.
29Царна тІехьа ЦІадукъин кІанта Амира шен цІенна дуьххьал болу пен тобира.
Шихан-ЯхІун кІанта ШамІа-ЯхІус цунна уллохь долу дакъа тодира. ШамІа-ЯхІу малхбалехьа долчу кевнан хехо вара.
30Цунна тІехьа Шалам-ЯхІун кІант Хьанан-ЯхІу а, Хьанунин йолхалгІа волу кІант Цалпи а важа дакъа тодеш вара.
Царна тІехьа Берех-ЯхІун кІант Машулим шен цІенна дуьххьал долу пенан дакъа тодеш вара.
31Цунна тІехьа Малки-ЯхІус Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цІенна тІе кхаччалц долу дакъа тодира. И цІа Мипкхад цІе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дІа цо иштта пенан маьІІехь йолчу чоьнна тІе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхІу ша дашо пхьар вара.
32Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьІІехь йолчу чоьнна тІера дуьйна УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц болу пен юхаметтахІоттийра.

 

4

 

Болх барна дуьхьало ярна тІехь Нахьми-ЯхІус толам баккхар

 

1Шена тхо Ярушалаймана гонах долу пенаш юхаметтахІиттош ду аьлла дІахезча, Санбулат, чІогІа оьгІазвахана, карзахвелира. Иза яхІудхойх кхарда волавелира. 2Шен накъосташна а, шамранхойн эскархошна а хьалха цо элира: «ХІун деш бу кхузахь и сий доцу жуьгтий? ХІара гІала юхаметтахІотто билггал ойла йолуш бу уьш? Царна шаьш сагІанаш дохур ду моьтту те? Царна шаьш и болх сиха бина девр ду моьтту те? Цаьрга чимашна а, хоттана а юккъера тІулгаш денлур ма дац!»
3Санбулатаца цхьаьна волчу Іамминхочо ТІуби-ЯхІус элира: «Жуьгташа меттахІоттош ерг хІун ю? Жима цхьогал тІедаьлча а, бухур болуш ма бу церан пен».
4Аса, Деле доІа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дІахазахьара Хьуна тхан доІанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хІонс санна, йийсаре а бигна, юьхьІаьржачу хІиттабехьа уьш! 5Царна тІера бехк дІа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хІунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна».
6Ткъа тхо гІалин пенаш деш дара. И берриг а пен нийсса ах хьалабина а девлира, хІунда аьлча цигахь мел верг а даггара болх беш вара.
7Санбулат, ТІуби-ЯхІу, Іаьрбихой, Іамминхой, ашдодхой чІогІа оьгІазбахара Ярушалаймехь гулбелла болчу нахана, гІалина гонахара болу пен то а беш, цу пенах даьхна долу Іуьргаш дІа а дукъуш, уьш болх беш бу аьлла шайна дІахезча. 8Цара шайна юкъахь барт бира тІамца Ярушалаймана тІелата а, гІалин нах карзахбаха а. 9Тхо тхайн Деле доІанаш деш дара. Оха пенаш тІе гІаролхой хІиттийнера, цаьрга, дийнахь а, буьйсанна а гІарол а деш, тхо мостагІех лардайта.
10ЯхІудхоша мукъам бора:
«Киранчийн ницкъ лахбелла,
дІакхоьхьу нехаш дукха хиларна,
пен юхаметтахІотто тхан ницкъ бац».
11Тхох кхаьрдаш болчу мостагІаша бохура: «Жуьгташна, тхо ган а гина, довзале, тхо царна юкъахь хир ду. Оха уьш хІаллакбийр бу, цул тІаьхьа болх а сацор бу». 12Тхан мостагІашна уллохь Іаш болчу яхІудхоша тхоьга уьттазза элира: «Массо а маьІІера мостагІий вайна тІелетар бу». 13ТІаккха аса пенан уггар лахарчу а, ледарчу а меттигашкахь нах дІахІиттийра. Шайн-шайн доьзалийн раьгІнашкахь дІахІиттийна бара уьш, карахь тарраш а, гоьмукъаш а, секхаІедаш а долуш.
14Гонах а хьаьжна, лоруш болчу нахе а, хьаькамашка а, кхин болчу нахе а вистхилира со. Аса элира: «Вайн мостагІех шу ма кхералаш. Хьалдолу Эла сийлахь а, кхерамах дузуьйтуш а вуйла шайна дагадаийта! Аша, шайн вежарий а, кІентий а, йоІарий а ларбеш, тІом бан беза! Шу шайн зударий а, шайн цІенош а лардеш тІом беш хила деза!» 15Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагІашна дІахиъча, тхо гІалин пен болчу юхадирзира, хІора шен-шен балха тІе.
16-17ХІетахь дуьйна схьа сан белхалойх ах йолу тоба пенна тІехь болх беш яра, ткъа вуьш шайн карахь гоьмукъаш а, турсаш а, секхаІедаш а долуш, тІедуьйхина гІаьгІнаш а долуш ха деш бара. Пенаш деш болчу ЯхІудан нахана тІехьа тІеман хьаькамаш бара лаьтташ. Ткъа коьчал яхьаш берш цхьана куьйгаца болх беш бара, ткъа церан вукху куьйгахь гоьмукъ бара. 18Болх бечу хенахь пенаш тодеш волчу хІора стеган хаьн тІехь кхозуш тур дара. Ткъа суна уллохь коьман маІа карахь йолу зурманча вара лаьтташ. 19Лоруш болчу нахе а, тІеман хьаькамашка а, иштта кхин долчу адамашка а аса элира: «Вай беш берг боккха болх бу. Пенан бохаллехь дукха дІасадаьржина вай, вовшашна гена а девлла. 20Цундела шайна коьман маІан аз хезначу метте схьагулдала деза шу. Цигахь массо а вовшахкхетар ду вай. Вайн Дела вайгахьа тІом беш хир ву!» 21Иштта болх беш дара тхо: тхох ах долу дакъа кара гоьмукъ а лаьцна лаьтташ дара, ткъа вуьш пенна тІехь болх беш бара, Іуьйранна сатоссучу хенахь дуьйна стигалара седарчий гучудовллалц.
22Цу хенахь аса халкъе дІахьедира: «Берриг а нах шайн гІоьнчашца цхьаьна Ярушалаймехь буьйса йоккхуш хила беза, буьйсанна цаьрга гІалина ха дайтархьама а, дийнахь гІалин пен боттийтархьама а», – аьлла. 23Тхоьца болчарах цхьаммо а буьйсанна шайна тІера бедарш дІа ца йохура: я аса а, я сан ялхоша а, я гІаролехь болчу наха а. ХІоранна а уллохь шен герз дара.

 

5

 

Нахьми-ЯхІус гІийлачарна гІо до

 

1Юха, нахана юкъара божарий а, церан зударий а, шайн хьалдолчу гергарчу яхІудхошна реза боцуш, даккхий аьрзнаш дан буьйлабелира. 2Царах цхьаболчара бохура: «Тхан дукха бераш хиларна, оха кІа эца деза, хІума яархьама а, дийна дисархьама а».
3Цхьаццаболчара бохура: «Тхо тхайн кхаш а, кемсийн бошмаш а, тхайн цІенош а закъалтан метта дІаяла дезаш ду, мацалла тІееача, тхайна кІа эцархьама».
4Ткъа вукхара бохура: «Оха нахера юхалург ахча эца дезара, тхайн кхашна а, кемсийн бошмашна а тІера паччахьна ял дІаялархьама. 5Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю».
6Церан хамталла а, цара дуьйцург а сайна хезча, со чІогІа оьгІазвахара. 7Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тІе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху аша!» – аьлла.
Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса. 8Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхІудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гІерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хІума а доцуш, лаьтташ бара.
9Ткъа аса юха а цаьрга элира: «Аша дийриг нийса дац. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, дахарехь лела ца деза шу, вайн мостагІий болчу кхечу къаьмнех берш вайх ца кхардийтархьама?! 10Аша санна, аса а, сан вежарша а, соьца цхьаьна болчара а цаьрга юхалург ахча а, кІа а лора. Ткъа хІинца дерриг а декхарх уьш паргІатбаха вай. 11Аша хІинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цІенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кІена а, чагІарна а, зайтдаьттанна а тІера яьккхина йолу ял а!»
12ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха».
ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. 13Сайн некха тІе уллу тІоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цІен тІера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!»
Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира.

 

Нахьми-ЯхІус ша ца кхоор

 

14Кхин цхьа хІума а ду: со ЯхІуд-махкахь хьаькам лаьттинчу массо а хенахь я аса а, я сан гергарчара а лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача ца биира. Со ЯхІуд-махкахь шийтта шарахь хьаькам лаьттина, Артахь-Шаштан паччахьаллехь хиллачу ткъолгІачу шарна тІера ткъе шуьйтталгІачу шарна тІе кхаччалц. 15Сол хьалха хиллачу лакхарчу хьаькамаша нах чІогІа холчу хІиттийна хилла, цаьргара хІора дийнахь шовзткъа шекхал дети эцна а ца Іаш, кхин а ялта а, чагІар а доккхуш хилла цара. Церан ялхоша а деш хилла халкъана тІехь олалла. Амма со Деле болчу ларамах вуьзна хиларна, и тайпа хІума аса сайгара ца долуьйтура. 16Со Ярушалаймана гонахарчу пенна тІехь мало ца еш болх беш вара. Аса цхьаьнггара а латта ца оьцура, ткъа сан массо а ялхо цигахь болх бан схьагуллуш вара. 17Цул сов, аса кхобуш цхьа бІе шовзткъе итт яхІудхо а, куьйгалхо а вара. Уьш, гонахарчу къаьмнех болу тІебаьхкина нах ца лерича а, оццул бара. 18Сан шуьне гулбеллачарна цхьана дийнахь кечъеш ерг яра: цхьа сту а, тоьлла болу ялх уьстагІ а, тайп-тайпана долу зІакардаьхни а. Итт де дІа мосазза долу, сан шуьне тайп-тайпана долу чагІар а тІекхоьхьура. Делахь а аса цкъа а халкъана тІе ца дожадора сайна лакхарчу хьаькамна латтош болу кхача латтабе бохуш, хІунда аьлча халкъана тІехь лаьтташ ерг иштта а хала киртиг яра.
19Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хІара халкъ бахьана долуш динарг.

 

6

 

Нахьми-ЯхІуна дуьхьал бина барт

 

1Санбулатана а, ТІуби-ЯхІуна а, Іаьрбихо волчу ГІишамана а, иштта кхечу тхан мостагІашна а дІахиира, тхан мостагІашна а дІахиира, оха, гІалин пен юхаметтахІоттинийла а, пенах даьхначу Іуьргех дІадукъаза цхьа а ца дисийла. Бакъду, оха хІинца а кевнаш чу йогІу неІарш дІа ца хІиттийнера. 2ТІаккха Санбулата а, ГІишама а соьга хабар даийтира: «Схьавола, вовшахкхетар ду вай Овну-тогІерачу цхьана юьртахь». Цара суна зулам дан барт бинера. 3Аса цаьрга хабар дІаэцна сайн геланчаш бахийтира: «Со цхьа доккха гІуллакх деш мукъа вац, цундела сан шу долчу охьавосса йиш яц. И гІуллакх юкъахдер дара, со иза дитина шу долчу охьаваьллехьара», – аьлла.
4Доьазза нах тІебахийтира цара и хабар дахьаш, ткъа аса уьш мосазза богІу, хьалха санна, царна дуьхьал хабар дохьуьйтура.
5Иштта Санбулата пхоьазлагІа шен ялхо ваийтира, карахь мухІар тохаза долу кехат[2] а долуш. 6Кехата тІехь яздина дара:
«Гонахарчу къаьмнашна юкъахь лелаш цхьа хабарш ду – ткъа ГІишама дуьйцу уьш бакъ хилар – хьо яхІудхошца цхьаьна гІатта кечлуш ву бохуш. Цундела хьалабеш бу боху аша Ярушалайман пен. Хьо яхІудхойн керла паччахь хир волуш ву а боху наха. 7Ахьа пайхамарш а дІахІиттийна, цаьрга Ярушалаймехь халкъе, „ХІара ву яхІудхойн паччахь“ аьлла, хаам байта. И тайпа хабарш паччахьах дІакхетар ду хьуна. Цундела кхуза схьавола, вовшех дагадевр ду вай».
8Аса Санбулате хабар дахьийтира: «Ахьа бохуш долу цхьа а хІума бакъ дац. И хабар ахьа хьайгара дуьйцуш ду», – аьлла.
9Тхан мостагІий тхо кхеро гІерташ бара. Царна моьттура: «ЯхІудхой, куьйгаш гІел а делла, болх бечуьра совцур бу, цундела пен бина а бер бац». Амма аса сайн доІанна тІехь доьхура: «ЧІагІдехьа сан куьйгаш!» – бохуш.
10Цхьана дийнахь Ма-ХІайтІабалан кІентан Дали-ЯхІун кІант ШамІа-ЯхІу волчу вахара со. Цуьнан шен цІа чуьра аравала йиш яцара. Цо соьга элира: «Делан цІийнан кертахь долчу дезачу цІа чу гІо вайшиъ, ваьшшина тІаьхьара неІ дІа а къовлуш, хІунда аьлча хьо вен богІур бу. Билггал, буьйсанна хьо вен богІур болуш бу».
11Амма аса ШамІа-ЯхІуга элира: «Со санна волу стаг вада везий те? Я со санна волу стаг Делан цІа чу шен са кІелхьардаккхархьама ваха везий те?[3] Со цу чу гІур вац!»
12Суна хаьара ШамІа-ЯхІу Делера болу хаам беш воцийла. Цо суна дуьхьал болу хаам бора, ша ТІуби-ЯхІуссий, Санбулатий эцна хиларх терра. 13Цара ШамІа-ЯхІу лаьцнера, со кхеро дагахь. Со кхера а вина, соьга къа а латадайтина, Делан цІа чу со дІалачкъа вахийта гІерташ бара уьш. ТІаккха сан мостагІийн со юьхьІаьржачу хІотто йиш хир яра.
14Аса доІа дира: «Сан Дела, ТІуби-ЯхІуй, Санбулаттий дага а ваийтий, цара мел динарг бахьана долуш царна кхел яхьара Ахьа. Иштта, шегахь Делера хаам болуш йолу НуІад-ЯхІу а, кхиболу со кхераван арабевлла болу пайхамарш а дагабаийтахьара Ахьа Хьайна».

 

Пен бина балар

 

15Ярушалаймана гонах болу пен Алул-беттан ткъе пхоьалгІачу дийнахь бина белира. И болх шовзткъе шийтта дийнахь бинера цара. 16Тхуна гонах болчу а, тхан мостагІий болчу а массо а къаьмнашна иза дІахиъча, уьш кхера а белира, цара шайх болу тешам а байира, хІунда аьлча уьш кхийтира и болх оха тхайн Делан гІоьнца бина хиларх.
17Цу деношкахь ЯхІуд-махкарчу лоруш болчу наха дукха кехаташ кхоьхьуьйтура ТІуби-ЯхІуга, ткъа ТІуби-ЯхІугара кехаташ цаьрга а кхочура. 18ЯхІудхойх дукхахболчара, цунна тешаме хир бу аьлла, чІагІо йинера, хІунда аьлча ТІуби-ЯхІу Арахьин кІентан Шихан-ЯхІун нуц вара, ткъа ТІуби-ЯхІун кІанта ЯхІу-Хьанас Берех-ЯхІун кІентан Машулиман йоІ ялийнера. 19Цу наха соьга ТІуби-ЯхІу хестош къамелаш дора, ткъа аса мел аьлларг ТІуби-ЯхІуга дІадуьйцура. Ткъа ТІуби-ЯхІу, со кхеро дагахь, соьга кехаташ кхоьхьуьйтуш вара.

 

 

7

 

1ГІалин пен бина а баьлла, ас кевнийн неІарш дІахІиттийна евлча, гІалин кевнашкара гІаролхой а, илланчаш а, левихой а шайн-шайн гІуллакхашна къобалбира. 2Сайн ваша Хьанани а, гІопан хьаькам волу Хьанан-ЯхІу а ас къобалвира Ярушалаймана тІехь урхалла дан. Хьанан-ЯхІу ас хаьржинера, хІунда аьлча иза тешаме а, Деле дукхахболчарал сов ларамах вуьзна а волу дела. 3Цул тІаьхьа цу шинга аса элира: «ГІалин кевнаш шаьш схьаделлале, малх къеггина схьакхетталц собардан деза аша. Ткъа кевнаш дІачІагІдан а, царна тІе ханнаш дІахІитто а деза, гІарол дина бовлале. ГІарол дан Ярушалайман бахархой харжа. Цхьаберш шайн метте дІахІиттабе, ткъа вуьш шайн-шайн цІеношна дуьххьал дІахІиттабе».

 

Йийсарера юхабирзинчеран цІераш

 

(Іезар 2:1-70)

 

4ГІала йоккха а, шена чохь шортта меттиг йолуш а яра, ткъа адам цигахь кІезиг дара, дуккха а цІенош хІинца а дина дацара. 5Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дІаязбан беза аьлла, хІунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дІаязбина долу тептарш. Царна тІехь дІаяздина дара:
6«ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца уьш Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора шен-шен гІала юхабирзина. 7Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Іазар-ЯхІу, РаІам-ЯхІу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигІвай, Нехьум, БаІна.
ХІорш ю юхабирзинчу исраилхойн цІераш:
8ПарІушан тІаьхьенах берш – ши эзар цхьа бІе кхузткъе шийтта стаг (2172);
9Шапат-ЯхІун тІаьхьенах берш – кхо бІе кхузткъе шийтта стаг (372);
10Арахьин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе шийтта стаг (652);
11Пахьат-Муабин тІаьхьенах болчу ЮшаІан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархІ бІе берхІитта стаг (2818);
12Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254);
13Затун тІаьхьенах берш – бархІ бІе шовзткъе пхиъ стаг (845);
14Закайн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъа стаг (760);
15Бинуйн тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе бархІ стаг (648);
16Бебайн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе бархІ стаг (628);
17ІазгІадин тІаьхьенах берш – ши эзар кхо бІе ткъе шиъ стаг (2322);
18Адуникхаман тІаьхьенах берш – ялх бІе кхузткъе ворхІ стаг (667);
19БигІвайн тІаьхьенах берш – ши эзар кхузткъе ворхІ стаг (2067);
20Іадин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе пхийтта стаг (655);
21Атарин тІаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхІун доьзалера – везткъе берхІитта стаг (98);
22Хьашуман тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе бархІ стаг (328);
23Бецайн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе виъ стаг (324);
24Хьарипан тІаьхьенах берш – цхьа бІе шийтта стаг (112);
25ГавІонан тІаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95).
26Байтлахам-гІалара а, НатІупат-гІалара а болчу бахархойх – цхьа бІе везткъе бархІ стаг (188);
27Іанатот-гІаларчу бахархойх – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128);
28Байт-Іазмавтара – шовзткъе шиъ стаг (42);
29Кхиръят-ЯІаримера а, Капира-гІалара а, Баировт-гІалара а болу бахархой – ворхІ бІе шовзткъе кхоъ стаг вара (743);
30Рама-гІалара а, ГибаІ-гІалара а болчу бахархойх – ялх бІе ткъе цхьаъ стаг вара (621);
31Михмасерчу бахархойх – цхьа бІе ткъе шиъ стаг вара (122);
32Бетал-гІалара а, ГІай-гІалара а болчу бахархойх – цхьа бІе ткъе кхоъ стаг вара (123);
33Набу-гІаларчу бахархойх – шовзткъе шийтта стаг вара (52);
34Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг вара (1254);
35Хьармин тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъа стаг вара (320);
36Ерихонан бахархойх – кхо бІе шовзткъе пхиъ стаг вара (345);
37Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гІалара а болу бахархой – ворхІ бІе ткъе цхьаъ стаг вара (721);
38Саниара болу бахархой – кхо эзар исс бІе ткъе итт стаг вара (3930);
39Динан дай:
ЮшаІан цІийнах волчу Яди-ЯхІун тІаьхьенах болу нах – исс бІе кхузткъе кхойтта стаг вара (973);
40Амиран тІаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052);
41Пашихьуран тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе ворхІ стаг вара (1247);
42Хьармин тІаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхІитта стаг вара (1017);
43Левихойн тайпанах болу нах:
ЮшаІан а, Кхадмиалан а, ХІудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74);
44Илланчаш:
Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе шовзткъе бархІ стаг вара (148);
45Делан цІийнан кевнехь гІаролхойн тІаьхьенах берш:
Шалуман а, Атарин а, ТІулманан а, Іакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе берхІитта стаг (138);
46Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш:
Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а,
47Кхейрусан а, СиІин а, Падунан а,
48Либанин а, ХьагІабин а, Шалмайн а,
49Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а,
50Раи-ЯхІун а, Рицанан а, Накхудин а,
51Газамин а, Іузин а, Писухьан а,
52Бесайн а, МуІаниман а, Напу-Шасиман а,
53Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а,
54Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а,
55Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а,
56Нацухьан а, Хьатапин а тІаьхьенех берш.
57Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш:
Сутайн а, Супартин а, Парудин а,
58ЯІлин а, Даркхунин а, Гидалан а,
59Шапат-ЯхІун а, Хьатилан а, Пукрати-ХІацубайман а, Аминан а тІаьхьенах берш.
60Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а шаберш кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара.
61Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гІалара а, Адан-гІалара а, Амир-гІалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: 62Дали-ЯхІун а, ТІуби-ЯхІун а, Накхудин а тІаьхьенех берш – ялх бІе шовзткъе шиъ стаг вара (642).
63Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхІун, Къоцин а, Барзалайн а тІаьхьенех берш. (И тІаьхьарниг Барзалай цІе тиллина вара, хІунда аьлча ГалІадарчу Барзалайн йоІ ялийнера цо, ткъа цул тІаьхьа цо и цІе шениг санна лорура). 64И нах доьзалийн тептарш тІехь шайн цІераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тІе ца ийцира. 65ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц.
66Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бІе кхузткъа стаг вара, 67царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхІ эзар кхо бІе ткъе вуьрхІитта лай а, гІарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бІе шовзткъе пхиъ илланча а вара. 68Цаьргахь ворхІ бІе ткъе ялхитта говр а, ши бІе шовзткъе пхиъ говр-бІарза а, 69йиъ бІе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхІ бІе ткъа вир а яра.
70Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгІаташ делира. ЯхІудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бІе ткъе итт динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. 71Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бІе мин дети а делира. 72Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхІ динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. 73Иштта динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кевнехь болу гІаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гІаланашкахь баха хевшира».

 

8

 

Іезара халкъана товрат-хьехамаш боьшу

 

1Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. 2Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара. 3Іуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Іезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чІогІа леррина ладугІуш дара.
4Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара.
5Іезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Іезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагІаьттира. 6Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара.
7Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. 8Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тІехь болчу тептар тІера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора[4], адамаш шайна дІадешначух кхоьтуьйтуш.
9Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара. 10Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!»
11Левихоша дагна хьаам бора массо а гулбеллачарна. Цара бохура: «ДІате! Таханлера де Везачу Элана лерина шатайпа де ду. ГІайгІане ма хила». 12Массо а халкъ шайн цІеношка дІадахара хІума яа а, малар мала а, вовшашна юург-мерг кховдо а, чІогІа самукъадаларца даздан а, товрат-хьехамашна юкъара царна аьллачух шаьш кхетта дела.

 

Кхалорийн деза денош

 

13ШолгІачу дийнахь доьзалийн дай а, динан дай а, левихой а Іелам стаг волу Іезар волчу бахара, цуьнца цхьаьна товрат-хьехамаш Іаморхьама. 14Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара. 15Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гІаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гІой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гІаш долуш долчу диттийн а, ІиндагІ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, кхалораш ян а еза».
16Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. 17Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Іийра. Нунин кІант ЮшаІ ваьхначу хенахь дуьйна хІара денош тІе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чІогІа сакъераделла вара. 18Іезара хьалхарчу дийнахь дуьйна тІаьххьара де тІекхаччалц, Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшура царна. ВорхІ дийнахь лаьттира и деза денош. БорхІалгІачу дийнахь, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, уьш вовшахкхийтира леррина дІахІоьттинчу гуламе.

 

9

 

Исраилан халкъ ша летийначу къиношна къера хилар

 

1Цу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тІехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тІе тесна ченаш а йолуш. 2Кхечу къаьмнех болчарах схьакъаьстинера исраилхой. Шайн меттигашкахь а лаьтташ, шаьш летийначу къиношна а, шайн дайша динчу зуламашна а мукІарло дора цара. 3Кхаа сахьтехь лаьттира уьш цигахь, шайн Везачу Делан товрат-хьехамаш тІехь болу тептар а доьшуш. Цул тІаьхьа кхин кхаа сахьтехь цара шаьш лелийначунна мукІарлонаш а дора, шайн Везачу Далла Іибадат а дора.
4Цул тІаьхьа левихой болу ЮшаІ а, Бани а, Кхадмиал а, Шабни-ЯхІу а, Буни а, Шараб-ЯхІу а, Бани а, Канани а лекхачу метте хьала а бевлла, шайн Везачу Деле мохь а бетташ, доІа деш бара.
5Юха а левихойх болу ЮшаІ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхІу а, Шараб-ЯхІу а, ХІуди-ЯхІу а, Шабни-ЯхІу а, Патахь-ЯхІу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура:
«Хьала а гІовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало.
Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна.
Хьан сийлахь цІе адамаша хестайойла,
иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла!

 

6Хьо – Веза Эла ву! Хьо бен, цхьа а вац!
Ахьа стигалш а, царна чохь мел долу седарчий а кхоьллина!
Уггар лекха стигалш а, царна чохь мел болу ницкъаш а кхоьллина Ахь!
Ахьа латта а, цу лаьтта тІехь мел долу хІума а кхоьллина!
Ахьа хІордаш а, цу чохь мел долу хІума а кхоьллина.
Массо а хІуманна дахар а делла.
Стигалара ницкъаш а Хьуна Іибадат деш ду!
7Ибрам харжа а хаьржина,
Хашадарчу Ур-гІалара ара а ваьккхина,
цунна, ИбрахІим аьлла, цІе тиллина Веза Дела ву Хьо.
8Хьуна гира иза Хьайна тешаме хилар,
цундела Ахьа цуьнца барт а бира.
КанаІанхойн, хьетахойн, эмархойн,
перезахойн, явсайхойн, гІиргІашахойн
хилла долу латта дІалур ду элира
Ахьа цуьнан тІаьхьенна.
Хьайн ваІда Ахь кхочуш а дира,
Хьо тешаме волу дела.

 

9Хьуна гуш бара Мисар-махкахь тхан дайша хьоьгуш болу бала.
Эрзийн хІорд болчохь Хьуна хезаш дара цара гІо доьхуш хьоькхуш долу маьхьарий.
10Мисархошна шаьш тхан дайл лакхара хетийла Хьуна хууш долу дела,
тамашийна билгалонаш гайтира Ахьа пирІунна а,
цуьнан элашна а, цуьнан массо а халкъана а дуьхьал.
Цундела Хьо цІеяхана хилла дІахІоьттира
таханлера де тІекхаччалц а.
11Ахьа тхан дайшна хьалхахь Эрзийн хІорд бекъа а бекъна дІахІоттийра,
уьш декъачу лаьтта тІехула чекхбовлийтархьама.
Амма тхан мостагІий кІоргачу хІорда чу кхиссира Ахьа,
ткъа уьш, тІулгаш санна, дерачу хи буха а бахара.
12Дийнахь мархин бІогІамца Ахь уьш балабора,
буьйсанна уьш цІеран бІогІамца буьгура,
уьш дІабаха беза некъ серлабаккхархьама.

 

13Цул тІаьхьа Хьо Синай-лам тІе охьавоьссира.
Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца.
Царна нийса тІедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а,
дика парзаш а, весеташ а дІаделира.
14Хьайн дезачу шоьтан дийнах лаьцна а
хьехам бира Ахьа царна,
иштта весеташ а, парзаш а, товрат-хьехам а
тІебиллира Хьайн ялхо волчу Мусагахула.
15Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна.
Уьш хьагбеллачу хенахь тІулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна.
Ахьа цаьрга элира, дІа а гІой,
царна, куьг а айина, дІадала чІагІо йина долу латта церан дола даккха.

 

16Амма тхан дай кура дегнаш долуш а, юхахьара а бара.
Хьан весеташка ла ца дуьйгІира цара.
17Хьуна къера хила царна ца лиира.
Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера.
Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара,
шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама.
Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо!
Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву,
Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву.
Ахь уьш дІа ца тесна,
18шайна дашо эса а дина,
цара: „ХІара ву тхо Мисар-махкара арадаьхна волу Дела!“ аьлча а,
цара чІогІа Іеса къамел дича а.
19Хьо чІогІа къинхетаме хиларна,
Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дІа ца тесира.
Дийнахь царна некъ дІагойту мархин бІогІам дІа ца хьулбира Ахь,
буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цІеран бІогІам а дІа ца баьккхира Ахь.
20Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь.
Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна,
церан хьогалла дІаяккха хи а лора.
21Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула уьш лелаш а бара,
царна мел оьшу хІума Ахь кхочуьйтура.
Церан бедарш а ца тишлора,
когаш а ца бестара.

 

22Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира,
царна гонахара долу, геннара латтанаш а тІехь дІадийкъира.
Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а,
иштта Башанарчу паччахьан ІовгІин латта а
шайн дола даьккхира цара.
23Церан тІаьхье Ахь, стигалара седарчий санна, дебийра.
Церан дайшна Айхьа, шерет дина, латта лур ду элира,
ткъа уьш оцу лаьтта тІе схьабалийра Ахь.
24Цу лаьтта тІе а баьхкина, цара иза дІалецира.
Ахьа цаьрга цу лаьтта тІехь Іаш болу канаІанхой эшабайтира.
Цигара халкъ а, церан паччахьаш а, кхидолу къаьмнаш а церан кара дІа а делла,
Ахьа цаьрга шайна луъург дайтира царна тІехь.
25ЧІагІйина гІаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира.
Хьолах дуьзна долу цІенош а, яьхна гІунаш а цара шайн дола ехира.
Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира.
Уьш Іаббалц дууш, берстина дІахІиттира,
Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш.

 

26Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира!
Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира.
Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура,
Хьуна тІе юхаберза бохуш,
амма цара и пайхамарш байира.
Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора,
27цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира.
Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира.
Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура,
Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора,
ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура.
28Амма синтем юха-ма-бирззинехь,
тхан дайша юха а Хьуна зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора.
Цундела церан мостагІийн карахь уьш битина Ахь,
цаьрга хІокхарна тІехь олалла дайтархьама.
Амма цара, юха а бирзина, Хьоьга гІо дехча,
стигалахь волчу Ахьа, церан дехарш а хезна,
юха а Хьайн боккхачу къинхетамца дукхазза а гІо дира царна.

 

29Ахьа цаьрга дІахьедора,
Хьайн товрат-хьехамашна тІе юхадерза дезар дІахоуьйтуш,
амма цара, кура а бевлла, Хьан весеташ дІатеттира.
Ахьа тІедиллинчарна дуьхьал къинош летийра цара.
Делахь а, уьш лардийриг церан гІоьнца вехар вара.
Бухахьа а бевлла, Хьох дІа а бирзина,
дегнаш чІагІ а дина, Хьоьга ла ца дуьйгІира цара.
30Хьо тхан дайшца чІогІа собаре вара.
Дуккха а шерашкахь царна садиттира Ахьа.
Хьайн пайхамарш Хьайн Синехула иракара а хІиттийна,
оцу пайхамаршкахула царна дІахьедора Ахь.
Амма цара ла ца дугІура,
цундела Ахьа уьш кхечу къаьмнийн кара дІабелира.
31Амма Хьайн боккхачу къинхетамца
Ахьа уьш массо а хІаллак а ца бира,
уьш Ахьа дІа а ца тесира,
хІунда аьлча Хьо дика а, къинхетаме а Дела ву!

 

32Ткъа хІинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела.
Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а,
вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву!
Хьуна хьалха кІезиг ма хетийла
оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а,
дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала.
И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тІера дуьйна
хІара де тІекхаччалц оха хьоьгуш бу.
33Массо а тхуна тІехІоьттинчу хІуманна тІехь Хьо нийса хилла!
Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а.
34Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а,
тхан динан дайша а, тхан дайша а
Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора,
Хьан весеташка ла ца дугІура,
Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора.
35Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь,
Ахьа шайн кара дІаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тІехь
цара Хьуна Іамал а ца йора,
шаьш лелош долчу зуламечу хІуманашна тІера дІа а ца бирзира.

 

36Ткъа тхо хІинца леш ду.
ХІокху Ахьа тхан дайшна цаьрга пайда эцийта а,
цу тІера шайна напха даккхийта а дІаделла долчу лаьтта тІехь
тхо леш хилла дІахІиттина.
37Ахь тхуна тІехь хІиттийна болчу паччахьийн кара
лаьтто шортта кхиъна ялта чудоуьйту,
оха летийна къинош бахьана долуш.
Тхан догІмашна тІехь олалла до цара,
ткъа церан карахь ду тхан даьхни.
Цара тхуна тІехь шайна луъург леладо,
цундела тхо йоккхачу гІайгІанехь ма ду.
38И массо хІума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тІехь дІа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кІел куьг яздо, иза мухІарца чІагІ а беш».

 

10

 

Наха бина барт а, бартана кІел куьг яздинарш а

 

1МухІар а тоьхна, цу бартана кІелахь куьг яздинарш бара: Хьахли-ЯхІун кІант, мехкада волу Нахьми-ЯхІу а, ЦІадукъ-ЯхІу а.
Динан дай: 2Сари-ЯхІу а, Іазар-ЯхІу а, Ярми-ЯхІу а,
3Пашихьур а, Амар-ЯхІу а, Малки-ЯхІу а,
4Хьатуш а, Шабни-ЯхІу а, Малук а,
5Хьарми а, Мармути а, Іабди-ЯхІу а,
6Даниал а, ГІинтуни а, Барух а,
7Машулим а, Аби-ЯхІу а, Мияман а,
8МаІаз-ЯхІу а, Билгай а, ШамІа-ЯхІу а. Уьш динан дай бара.
9ХІорш левихойн цІераш ю:
Азан-ЯхІу кІант ЮшаІ, Хьенидадан доьзалера волу Бинуй, Кхадмиал,
10церан гергарнаш болу Шабни-ЯхІу, ХІуди-ЯхІу, Кхилати, Пали-ЯхІу, Хьанан,
11Мика, Рахьуб, Хьашби-ЯхІу,
12Закхур, Шараб-ЯхІу, Шабни-ЯхІу,
13ХІуди-ЯхІу, Бани, Банину.
14Халкъан баьччанаш:
ПарІуш, Пахьат-Муаби, Іейлам, Зату, Бани,
15Буни, ІазгІади, Бебай,
16Адан-ЯхІу, БигІвай, Іади,
17Атари, Хьузакх-ЯхІу, Іазури,
18ХІуди-ЯхІу, Хьашум, Бецай,
19Хьарип, Іанатот, Неби,
20МагІпиІаш, Машулим, Хьецар,
21Маши-Забиал, ЦІадукъа, ЯдуІ,
22Палти-ЯхІу, Хьанан, Іани-ЯхІу,
23ХІушаІ, Хьанан-ЯхІу, Хьашуби,
24ХІалухьеш, Пилхьа, Шубакъ,
25Рахьим, Хьашбина, МаІсей-ЯхІу,
26АхьъяхІу, Хьанан, Іанан,
27Малук, Хьарми, БаІна.

 

Наха бинчу бертан чулацам

 

28«Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхоша а, илланчаша а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дІа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кІенташца а, йоІаршца а – 29шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха.
30Оха чІагІо йо тхайн зудабераш кхечу къаьмнех болчу нахе маре ца дахийта а, церан зудабераш тхайн кІенташка схьа ца даладайта а.
31Тхайна гонах дехаш долчу халкъаша шоьтан дийнахь а, я кхечу дезачу дийнахь а йохка хІуманаш я кІа деача, уьш цаьргара оьцур яц оха.
ХІора ворхІалгІа деанчу шарахь тхайн кхаш тІехь болх бийр бац оха, иштта тхайна декхарийлахь болчарна къинтІера девр ду тхо.
32Оха чІагІо йо хІора шарахь цхьана шекхалан кхоалгІа дакъа[5] тхан Делан цІийнан хьашташна дІадала.
33И ахча массо а хьашташна тІе гІур ду: Далла къобалдина долу бепиг а, хІора дийнахь дохуш долу кІен сагІанаш а, дийнаташ дагоран сагІанаш а, шоьтан деношкахь а, бутт цІинбаларан деношкахь а, кхечу дезачу деношкахь а дохуш долу сагІанаш а, кхидолу деза сагІанаш а, Исраилан халкъо летийначу къинойх паргІатбахархьама дохуш долу къинан сагІанаш а, иштта Делан цІенна оьшу муьлхха гІуллакх а.
34Оха – динан дайша а, левихоша а, халкъо а – кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хІора тхан доьзало Делан цІенна совгІатна лерина долу чІийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тІехь ма-хиллара.
35Оха тхайна тІелоцу хІора шарахь Везачу Элан цІенна тхайн лаьтта тІера уггар хьалха хьалакхиъна долу ялта а, массо а диттийн дуьххьарлера болу стом а схьабан.
36Товрат-хьехамаш тІехь ма-хиллара, оха тхан Делан цІенна схьабалор бу тхан доьзалехь дуьххьара бина болу кІентий а, иштта тхайн бежех а, даьхнех а, женах а долу дуьххьара дина кІорнеш а. Цигахь гІуллакх деш болчу динан дайшна уьш дІалур ду оха.
37Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду.
Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. 38АхІаронан цІийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгІа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тІаьхьа левихоша шайна дІакхаьчначу уьтталгІачу декъа тІера кхин уьтталгІа дакъа Делан цІа чохь йолчу чІоьнаш чу охьадилла деза. 39Исраилан халкъо а, левихоша а шаьш деш долу совгІаташ – кІа а, чагІар а, зайтдаьтта а – цу чІоьнаш чу схьадан деза. Цигахь езачу чоьнна лерина болу гІирс а бу ларбеш, иштта гІуллакх деш болу динан дай а, кевнийн гІаролхой а, илланчаш а бу Іаш.
Оха чІагІо йо Делан цІийнан дола дан!»

 

11

 

Ярушалаймехь Іаш болу нах

 

1Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгІа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гІалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тІаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гІаланашкахь даха диса тарлора. 2Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна. 3ХІорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тІаьхьенах берш а ЯхІуд-махкарчу кхечу ярташкахь Іаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тІехь Іаш бара. 4Амма цхьаболу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.)
ЯхІудан тайпанах болчеран цІераш иштта яра:
Іузи-ЯхІун кІант Іати-ЯхІу (Іузи-ЯхІу Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Амар-ЯхІун кІант хилла, Амар-ЯхІу Шапат-ЯхІун кІант хилла, ткъа Шапат-ЯхІу Парасан тІаьхьенах волчу Махьаллалан кІант хилла),
5Барухан кІант МаІсей-ЯхІу (Барух Кала-Хьозин кІант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхІун кІант хилла, Хьази-ЯхІу Іади-ЯхІун кІант хилла, ткъа Іади-ЯхІу Закри-ЯхІун кІант волчу ЯхІу-Ярбин кІант хилла. Закри-ЯхІу Шейлин тІаьхьенах хилла).
6Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тІаьхьенах болу нах виъ бІе кхузткъе бархІ стаг хилла. Уьш берриш а чІогІа доьналла долуш нах хилла.
7Бен-Яманан тІаьхьенах берш:
Машулиман кІант Салуъ (Машулим ЮІадан кІант хилла, ЮІад Пади-ЯхІун кІант хилла, Пади-ЯхІу Къули-ЯхІун кІант хилла, Къули-ЯхІу МаІсей-ЯхІун кІант хилла, МаІсей-ЯхІу Итиалан кІант хилла, ткъа Итиал ЯшаІ-ЯхІун кІант хилла),
8цунна тІаьхьа вогІуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бІе ткъе бархІ стаг хилла.
9Зикрин кІант Юал царна тІехь хьаькам вара, ткъа ХІасинуан кІант ЯхІуд цу гІалахь шолгІа волу хьаькам вара.
10Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цІераш яра хІорш:
ЯхІу-Ярбин кІант ЯдаІ-ЯхІу, Якин,
11Хьалкхи-ЯхІун кІант Сари-ЯхІу (Хьалкхи-ЯхІу Машулиман кІант хилла, Машулим ЦІадукъин кІант хилла, ЦІадукъа Маръютин кІант хилла, ткъа Маръюти Делан цІенна тІехь хьаькам волчу Ахьтубин кІант хилла);
12иштта церан цІийнан нах болу Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш волу бархІ бІе ткъе ши стаг а;
Ярохьаман кІант Іади-ЯхІу а (Ярохьам Амцин кІант волчу Палал-ЯхІун кІант хилла, Амци Закри-ЯхІун кІант хилла, Закри-ЯхІу Пашихьуран кІант хилла, Пашихьур Малки-ЯхІун кІант хилла);
13кхин а ши бІе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхІун цІийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла);
Іазариалан кІант Іамшаси (Іазариал Ахьзайн кІант хилла, Ахьзай Амиран кІант волчу Машли-МутІин кІант хилла);
14кхин а цхьа бІе ткъе бархІ Амиран цІийнах волу стаг а хилла. Уьш чІогІа доьналла долуш болу нах бара. Царна тІехь хьаькам Гадуламан кІант Забдиал хилла.
15ХІара цІераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю:
Хьашубин кІант ШамІа-ЯхІу (Хьашуби Іазрикхаман кІант хилла, ткъа Іазрикхам Бунин кІентан Хьашби-ЯхІун кІант хилла);
16левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цІийнан арахьара беш болчу балхана тІехІиттийна хилла;
17Микин кІант Матан-ЯхІу (Мика Завадин кІант хилла, ткъа Завади Асайпан кІант хилла). Баркаллин доІа дечу нахана тІехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхІу;
Бакхбукъ-ЯхІу (иза илланчийн шолгІачу тобанна тІехь хьаькам хилла);
ШамуІан кІант Іабда (ШамуІ Ядутунан кІентан Галалин кІант хилла);
18Езачу Ярушалайм-гІалахь волу массо а левихо ши бІе везткъе виъ стаг хилла.
19ХІорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гІаролхойн цІераш ю:
Іакхуби а, ТІулман а, иштта цхьа бІе кхузткъе шийтта церан цІийнах волу стаг а. Уьш гІалин кевнаш лардеш бара.
20Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тІехь бехаш бара. 21Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Іупалахь бехаш хилла. Царна тІехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГІишпа а хилла.
22Ярушалаймехь левихошна тІехь куьйгалла деш Іузи хилла (Іузи Банин кІант хилла, Бани Хьашби-ЯхІун кІант хилла, ткъа Хьашби-ЯхІу Микин кІант волчу Матан-ЯхІун кІант хилла). Иза Асайпан тІаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цІа долчохь назманаш олуш берш хилла. 23Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тІедиллар хилла, цу тІехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.
24Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхІу вара. Иза ЯхІудан тІаьхьенах волчу Зерахьан кІентан Маши-Забиалан кІант вара.

 

Кхийолчу гІаланашкахь Іаш болу нах

 

25ЯхІудхойх цхьаберш хІокху жимачу гІаланашкахь Іаш бара, шайн кхашна уллохь:
Кхиръят-АрбаІахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
Дибонахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
иштта Якхабцаалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
26ЮшаІахь а, Мулада-гІалахь а, Байт-Палтехь а;
27Хьацар-ШуІалахь а, Беар-ШабаІехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
28ЦакхелагІахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
29Іейн-Риманахь а, ЦорІа-гІалахь а, Ярмут-гІалахь а;
30Занухь-гІалахь а, Іадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а;
Лахиш-гІалахь а, цунна уллохь йолчу аренашкахь а;
Іазекхи-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а.
ЯхІудан къам Беар-ШабаІера дуьйна ХІинам-тогІина тІе кхаччалц даха охьахиънера.
31Бен-яманхой хІокху гІаланашкахь баха охьахевшинера:
ГибаІ-гІалахь а, Михмасехь а, Іайи-гІалахь а, Бетал-гІалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а,
32Іанатот-гІалахь а, Нуб-гІалахь а, Іанан-ЯхІугахь а,
33Хьацор-гІалахь а, Рамехь а, ГІитаймехь а,
34Хьадид-гІалахь а, ЦебаІим-гІалахь а, Набалти-гІалахь а,
35Лодди-юртахь а, Овну-гІалахь а, иштта Пхьерийн тогІи чохь а.
36ЯхІуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.

 

12

 

Динан дай а, левихой а

 

1ХІорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кІантаца Зурбабелца а, ЮшаІца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цІераш:
Сари-ЯхІу, Ярми-ЯхІу, Іезар,
2Амар-ЯхІу, Малук, Хьатуш,
3Шихан-ЯхІу, Рахьим, Мармути,
4Іиду, ГІинтуй, Аби-ЯхІу,
5Мияман, МаІад-ЯхІу, Билга,
6ШамІа-ЯхІу, ЯхІу-Ярби, Яди-ЯхІу,
7Салуъ, Іамукъ, Хьалкхи-ЯхІу, Яди-ЯхІу.
ЮшаІ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара.
8Левихойх болу ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхІу, ЯхІуд, Матан-ЯхІу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тІехь жоп луш хилла Матан-ЯхІу а, цуьнан гергарнаш а.
9Адамаша Далла гІуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхІус а, Іунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура.
10ЮшаІ ЯхІу-Якхаман да хилла, ЯхІу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхІу-ЯдаІан да хилла. 11ЯхІу-ЯдаІ ЯхІунатин да хилла, ЯхІуната ЯдуІан да хилла.
12ЯхІу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хІорш хилла:
Сари-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхІу хилла.
Ярми-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхІу хилла.
13Іезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
Амар-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІу-Хьана хилла.
14Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла.
Шихан-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла.
15Хьармин доьзалехь лакхарниг Іаднан хилла.
Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла.
16Іидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхІу хилла.
ГІинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла.
17Аби-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла.
МуІад-ЯхІун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла.
18Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуІ хилла.
ШамІа-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла.
19ЯхІу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла.
Яди-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Іузи хилла.
20Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла.
Іамукъин доьзалехь лакхарниг Іебар хилла.
21Хьалкхи-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхІу хилла.
ЯдаІ-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.
22Элишубан а, ЯхІу-ЯдаІан а, Йохьанан а, ЯдуІан а заманашкахь хилла болчу левихойн а, динан дайн а доьзалийн баьччанийн цІераш парсихойн паччахь волчу Дари-Вашан паччахьалла лаьттинчу хенахь дІаязйина ю.
23Левин тІаьхьенах болчу доьзалийн баьччанаш Элишубан кІант волчу ЯхІу-Хьанин заманна тІекхаччалц дІаязбина бу.
24ХІара цІераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхІу, Шараб-ЯхІу, ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дІахІуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хІума Делан стаг волчу Дауда дІахІоттийна хилла.
25ГІалин кевнехь долу чІоьнаш лардеш бара Матан-ЯхІу а, Бакхбукъ-ЯхІу а, Іабди-ЯхІу а, Машулим а, ТІулман а, Іакхуби а.
26Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а.

 

Ярушалайман пен къобалбар

 

27Ярушалайман пен къобалбечу хенахь массо а левихо уьш мел Іаш болчу гІаланашкара Ярушалайме схьакхайкхинера. Левихой схьакхайкхинера, пен къобалбечу хенахь тайп-тайпана дечиг-пондарш а шинна а куьйгаца дуьхь-дуьхьал тухуш долу жима цІестан негІарш а тухуш, Далла лерина йолу назманаш ала а, Цунна хастамаш бан а. 28Массо а илланчаш схьагулбеллера Ярушалаймана гонахарчу меттигашкара а, НатІупат-гІалина гонахарчу ярташкара а, 29иштта Байт-Галгалара а, ГибаІ-гІалин а, Іазмаватан а аренашкара а. Цу заманахь илланчаша Ярушалаймана гонах ярташ йинера. 30Динан дайша а, левихоша а Далла хьалха цІанваларан Іадат кхочушдира. Иштта халкъана тІехь а, гІалин кевнашна тІехь а, гІалин пенна тІехь а кхочушдира цара цІена хуьлу Іадат.
31ТІаккха аса яхІудхойн куьйгалхой пенна тІе хьала а баьхна[6], уьш цигахь дІахІиттийра. Илланчийн йоккха ши тоба а схьакъастийра аса, цаьрга Далла хастамаш беш йолу назманаш алийта.
Царах цхьа тоба пенна тІехула аьтту агІонгахула Кхеллин ков долчу дІаяха езаш яра. 32Царна тІаьхьахІоьттина ХІушаІ-ЯхІу а вара, шеца цхьаьна ЯхІудан халкъан баьччанийн ахтоба а йолуш. 33Иштта царна тІаьхьахІиттина боьлхуш бара Іазар-ЯхІу, Іезар, Машулим, 34ЯхІуд, Бен-Яман, ШамІа-ЯхІу, Ярми-ЯхІу. 35Цхьаболу динан дай а бара цигахь, шайн карахь турбанаш а йолуш. Иштта царна тІаьхьахІоьттина воьдуш ЯхІунатин кІант Закри-ЯхІу а вара (ЯхІуната ШамІа-ЯхІун кІант хилла, ШамІа-ЯхІу Матан-ЯхІун кІант хилла, Матан-ЯхІу Мика-ЯхІун кІант хилла, Мика-ЯхІу Закхуран кІант хилла, ткъа Закхур Асайпан кІант хилла). 36Цигахь Асайпан гергарнаш а бара: ШамІа-ЯхІу, Іазариал, Милали, Гилали, МаьІи, Натунаил, ЯхІуд, Хьанани. Церан карахь Делан стаг волчу Дауда лоькхучу тайпана гІирсаш бара. Царна массарна а хьалхаваьлла воьдуш Іелам стаг волу Іезар а вара. 37Уьш Шовданан ков долчу агІор дІабирзира. Даудан гІалин ламеш тІехула уьш пенан лакхенна тІе хьалабевлира. Даудан цІенна тІехула а бевлла, уьш малхбалехьа, Хин ков долчу агІор, дІабахара.
38Илланчийн шолгІа тоба, аьрру агІор а йирзина дІаяхара. Уьш пенна тІехула лелачу хенахь, со схьагулделлачу адамийн шолгІачу тобанца царна тІаьхьа воьдуш вара. Пешийн бІаьвнах тІех а девлла, тхо Шуьйрачу пенна тІе кхаччалц дІадахара. 39Цул тІаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧІерийн кевнах а тІехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бІаьвнах, Меа олучу бІаьвнах а тІехбевлира уьш. УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц дІа а бахана, ГІаролан кевнна уллохь севцира уьш.
40Цул тІаьхьа илланчийн ши тоба Делан цІийнан кертахь шайн-шайн йолчу метте дІахІоьттира. Со а, хьаькамийн ахтоба а дІахІоьттира тхешан метте. 41Шайн-шайн метте, карахь турбанаш а йолуш, дІахІиттира динан дай болу Элъякъим, МаІсей-ЯхІу, Мин-Яман, Мика-ЯхІу, ЭлъюІинай, Закри-ЯхІу, Хьанан-ЯхІу. 42Иштта Делан цІийнан кертахь шайн-шайн метте дІахІиттира динан дай болу МаІсей-ЯхІу, ШамІа-ЯхІу, ЭлиІазар, Іузи, ЯхІу-Хьана, Малки-ЯхІу, Іейлам, Эзар. Илланчийн шинна а тобано, чІогІа мохь а тухуш, назма элира. Эшарш локхучу тобанийн куьйгалхо Израхь-ЯхІу вара.
43Цу дийнахь дуккха а сагІанаш дехира цара. Массо а стаг чІогІа самукъадаьлла вара, Дала шайна доккха хазахетар хилийтина дела. Зударий а, бераш а самукъадаьлла лелара. Ярушалаймера схьа геннахь хезаш дара самукъане аьзнаш.

 

Делан цІа долчохь ечу Іамалъяре кхачийтар

 

44Цу дийнахь билгалбехира чІоьнаш карахь долу нах. ХІора доьзало деш долу совгІаташ – дуьххьара схьабевлла болу стоьмаш а, ялтин уьтталгІа долу дакъа а – цу чІоьнаш чохь лардан дезаш дара. ГІаланашна гонах долчу кхаш тІера цара чІоьнаш чу схьадан дезаш дара товрат-хьехамаша динан дайшна а, левихошна а лерина долу дакъош, хІунда аьлча яхІудхой чІогІа хазахетта бара цигахь гІуллакх дечу динан дайшна а, левихошна а. 45Цу динан дайша а, левихоша а шайн Далла гІуллакх а дора, нахана юкъахь Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочуш а дора. Илланчашца а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхошца а цхьаьна цара кхочушдора Дауда а, цуьнан кІанта Сулима а дина весеташ. 46ХІунда аьлча дуккха а хьалха, Даудан а, Асайпан а хенахь дуьйна, баркалла олуш йолчу эшаршна тІехь а, Далла хастам беш олуш йолчу назманашна тІехь а куьйгалла дора илланчаша. 47Зурбабелан а, Нахьми-ЯхІун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гІаролхошна а хІора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цІийнан керта. Халкъо левихошна дІалора царна догІуш долу дакъа, ткъа цунах АхІаронан тІаьхьенна догІуш долу дакъа левихоша оцу тІаьхьене дІакхачадора.

 

13

 

Кхечу къаьмнех болчарах дІакъастар

 

1Цу дийнахь Муса-пайхамаран тептар массо а халкъана хозуьйтуш дІадийшира. Цу тІехь царна дІаяздина карийра, цхьа а Іамминхо а, муабахо а цкъа а Делан халкъах дІакхета йиш йолуш вац аьлла. 2Иза иштта хилла, хІунда аьлча уьш Исраилан халкъана баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера. Цара БалиІам шайгахьа ваьккхина, цуьнга исраилхошна неІалт кхайкхадайта. Амма вайн Дала, и неІалт царна тІера дІа а даьккхина, цунах декъалдар хилийтира. 3И товрат-хьехам шайна дІахезча, исраилхоша кхидолу къаьмнех мел верг шайх дІакъастийра.

 

Нахьми-ЯхІус дІахІиттийна керла хІуманаш

 

4Амма и хІума хилале тхан Делан цІийнан чІоьнаш карахь йолчу динан дас Элишуба (иза ТІуби-ЯхІун захалойх стаг вара), 5ТІуби-ЯхІуна йоккха цхьа чоь дІаелира. Тохара цу чоьнна чу наха деанера кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, пхьегІаш а, иштта левихошна а, илланчашна а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхошна а деана долчу ялтих а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а уьтталгІа дакъа а, иштта динан дайшна деана долу совгІаташ а. 6И хІума хиллачу хенахь со Ярушалаймехь вацара. Бавелан паччахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъе шуьйтталгІачу шарахь со паччахь волчу юхаваханера. Цхьа хан яьлча, аса юха а паччахье сайна Ярушалайме дІаваха пурба дийхира. 7Со Ярушалайме схьакхаьчча, суна хиира Элишубера даьллачу зуламах лаьцна. Цо ТІуби-ЯхІуна Делан цІийнан кертахь йолу цхьа чоь дІаеллера! 8Со чІогІа оьгІазвахара, сайна и хІума хезча. Цундела аса ТІуби-ЯхІун салпал цу чуьра аракхоьссира. 9Аса тІедиллира, и чоь дІа а цІанйина, цу чохь хилла йолу Делан цІа чуьра пхьегІаш а, наха схьадеана долу кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а шаьш хиллачу метте охьахІиттае аьлла.
10Суна иштта хиира, левихошна дІадала дезаш долу дакъош дІалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Іамал ечу хенахь гІуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера. 11Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. 12Цул тІаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгІа дакъа Делан цІийнан чІоьнаш чу схьадеара. 13Делан цІа чуьра чІоьнаш хІокху нехан кара дІаелира аса: динан да волу Шалам-ЯхІу, Іелам стаг волу ЦІадукъа, левихо волу Пади-ЯхІу. Ткъа Матан-ЯхІун кІентан Закхуран кІант Хьанан церан гІоьнча санна дІахІоттийра аса. Аса уьш хаьржинера, хІунда аьлча уьш тешаме лоруш нах бара. Царна тІедиллина дара наха схьадеанчу хІуманах шайн гергарчарна дакъа дар.
14Ва сан Дела, аса и хІума дар бахьана долуш со дагаваийтахьа Хьайна. Диц ма дехьа аса сайн Делан цІийнан а, цу чохь а, цуьнан кертахь а дечу гІуллакхийн а дуьхьа тешаме хиларца лелийнарг!
15Цу деношкахь ЯхІуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагІар даккхархьама. Иштта шайн варраш тІе цІевнаш а, чагІар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хІуманаш а тІеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дІа а яьхьна, дІайохкархьама. Аса цу нахах чІогІа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хІума дІадухкуш гича. 16Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чІерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхІудхошна дІадохкархьама. 17Аса яхІудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хІума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хІун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! 18Изза хІума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хІокху гІалина а тІе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хІинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чІогІа оьгІазло яйта гІерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш».
19Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. 20Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хІуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гІалина арахь буьйсанаш йохуш бара. 21Аса цаьрга, чІогІа бехк а боккхуш, элира: «ГІалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дІадохур ду». Цул тІаьхьа уьш кхин ца богІура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. 22Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама.
И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох!
23Цу деношкахь суна иштта гира, яхІудхоша шайна ашдодхойх а, Іамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. 24И хІума бахьана долуш церан берех ахдакъа ашдодхойн, я вукху къаьмнийн мотт буьйцуш дара, яхІудхойн мотт биц а бина. 25Аса цу нахе бехк а баьккхира, царна неІалт а кхайкхийра, царах цхьаболчарна етта а йиттира, церан месаш а ийзош. Делан цІарах иштта чІагІо яйтира ас цаьрга: «Дала тхуна таІзар дойла, оха тхайн зудабераш цаьрга маре дахийтахь а, я церан зудабераш тхайн кІенташна даладахь а, я оха-тхаьш церан зударий балабахь а. 26Ас элира: „Шуна хууш ду, кхечу къаьмнех болу зударий балор бахьана долуш, исраилхойн паччахь волчу Сулима шех къа латийна хилар. Ткъа кхечу къаьмнийн бацара Сулим-паччахь санна болу сийлахь паччахьаш. Далла везаш а вара Сулим-паччахь. Цундела Цо иза дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІа а хІоттийнера. Амма кхечу къаьмнех болчу зударша ур-атталла цуьнга а къинош летадайтира. 27Ткъа хІинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“
28ЯхІу-ЯдаІ динан коьрта да волчу Элишубан кІант вара. Ткъа ЯхІу-ЯдаІан цхьа кІант хьоронхо волчу Санбулатан нуц вара. Иза аса Ярушалайм-гІалара эккхийна дІавахийтира.
29Дагахь латтабе уьш, сан Дела! Динан дайн дарж а, Ахьа динан дайшца а, левихошца а бина барт а ма бехбина цара!
30Аса исраилхой иштта цІанбира хийрачу къаьмнаша схьа мел кхехьначух. Юха, динан дайшна а, левихошна а дан дезаш долу гІуллакхаш билгалдехира аса, хІораннан а шен гІуллакх хилийтархьама. 31Билгалъяьхначу хенашкахь сагІанаш дагорна лерина долу дечиг Іалашдаран Іадат дІахІоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза.
Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»

 

 

 

Эсират

Дешхьалхе

 

Эсират цІе йолчу тептар тІехь дуьйцуш долу хІуманаш парсихойн паччахьан Іаьнан цІа чохь хилла ду. Жуьгти йолу Эсират цу дийцаран турпалхо ю. Шен йоккхачу майраллица а, тешаме хиларца а мостагІаша хІаллакдарх шен халкъ кІелхьардоккху цо. Жуьгтийн динан «Пурим» олучу дезачу дийнан схьадалар а, цуькан маьІна а туьду цу тептаро.

 

1

 

Паччахьан зудчо Вашатис паччахье ла ца дугІу

 

1ХІара хІума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина[1] тІера Хуша-махкана[2] тІекхаччалц йолчу цхьа бІе ткъе ворхІ меттигна тІехь. 2Кху дийцар тІехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гІалин гІопахь лаьтташ долчу паччахьан гІанта тІера паччахьалла дора.
3Ша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гІуллакх деш болчарний лерина той хІоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цІийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кІел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. 4И той чІогІа деха лаьттира: бІе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дІагойтура хьешашна.
5И бІе дезткъа де дІадаьллачул тІаьхьа паччахьо Шушан-гІалин гІопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дІахІоттийра. И той ворхІ дийнахь лаьттира паччахьан цІийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тІера уггар а хьалдолчу стагана тІекхаччалц волу цу гІопара массо а вахархо. 6И керт яра кІайчу а, сийначу а басахь долчу вēтанан кІадешца кечйина. Уьш кІайн а, цІарула-цІен а долчу кІадинах йинчу тІергашца шагатІулган бІогІамашна тІе даточу хІазаршца дІатесна яра. Деших а, детих а йина садаІа меттигаш яра уьйтІахь кечйина. И уьйтІе, баьццара тІулгаш а, шагатІулгаш а, лахьорчах[3] йоккхуш йолу хІума а, иштта Іаьржа тІулгаш а дехкина, кечйина яра. 7Хьешашна тІекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагІар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара. 8Ца луучунна малар малийтар тІе ца дожадора, хІунда аьлча паччахьо дина омра дара, хІоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.
9Паччахьан зудчо Вашатис а хІоттийнера паччахьан цІа чохь болчу зударшна лерина долу той.
10ВорхІалгІачу дийнахь, шен дог чагІар бахьана долуш самукъадаьлла дІахІоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьІна волчу ворхІ ялхочуьнга МахІу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигІатига, АбагІтига, Зитарга, иштта КІаркасе а омра дира, 11шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тІехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дІагайта. Зуда-паччахь Вашати чІогІа хаза яра. 12Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьІначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан.
Паччахь чІогІа оьгІазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара. 13Іедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гІуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дІаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хІун дан деза аьлла. 14Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цІераш яра: Каршани, ШетІур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхІ эла паччахьна паргІат тІекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара. 15Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гІиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хІун таІзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».
16ТІаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Іа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке. 17Вашатис динарг шайна дІахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дІахІуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“. 18ХІинцачул тІаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дІахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю. 19Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо. 20И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дІахиъначул тІаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цІе яхна болчарна тІера дуьйна кІезигчу нахана тІекхаччалц».
21Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чІогІа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тІеийцира. 22Цо шен пачхьалкхан массо а маьІІе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хІора меттиган абатан низамехь а, хІора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тІехь аьлла дара, хІора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цІахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.

 

2

 

Эсират паччахьан зуда хуьлу

 

1ТІаьхьо, шен оьгІазалла дІаяьлча, Ахьаш-Варуша Вашатих лаьцна ойла йора. Цо динчух а, ша иза бахьана долуш бинчу сацамах а лаьцна яра цуьнан ойла. 2ТІаккха цунна уллохь болчу ялхоша элира: «Паччахьна къона а, хаза а мехкарий лаха беза. 3Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьІІера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тІаьхьа уьш Шушан-гІалин гІопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Іаш долчу цІа чу а дигна, ваьІна волу коьрта ялхо волчу ХІигайн куьйга кІел охьаховшо деза, хІоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла. 4Паччахьна хазахетта йолу йоІ Вашатин метта дІахІотто еза».
Паччахьна и хьехам чІогІа тайра, цундела цо иза кхочушбан омра дира.
5Шушан-гІалин гІопахь вехаш Іаш цхьа жуьгти хилла, Мардахай цІе а йолуш, Бен-Яманан тайпанах а волуш. Иза Къушин кІант волчу ШамаІин кІентан Яиран кІант хилла. 6Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь паччахь волу ЯхІу-Яхин Ярушалайм-гІалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла. 7Цуьнан, ХІадаси цІе а йолуш, ден вешин йоІ хилла. ЙоІан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХІадасин дай-наний кхелхинчул тІаьхьа, цо шен йоІ санна лелош хилла иза. ХІадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цІе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегІ а чІогІа хаза а, куц долуш а дара.
8Паччахьан сацам нахана дІахаийтинчул тІаьхьа дукха зудабераш схьадалийра Шушан-гІалин гІопе. Уьш паччахьан зударий ларбеш волчу ХІигайн куьйга кІел дІаделира. Эсират а, паччахьан гІишлошна чу а ялийна, ХІигайн куьйга кІел дІаелира. 9ХІигайнна чІогІа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гІуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхІ йоІ а елира. Эсират а, цуьнан гІуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Іаш болчу цІийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо.
10Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хІума ца дуьйцура, хІунда аьлча Мардахайс цунна, хІумма а ма дийца аьлла, тІедиллинера. 11Мардахай хІора дийнахь зударий Іаш болчу цІийнан кертана уллохь лелаш хуьлура, хІунда аьлча цунна хаа лаьара, Эсиратан хьал-де муха ду.
12Ахьаш-Варуш-паччахьан цІа чу яхале, хІора йоІа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура – ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духІиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш. 13Цул тІаьхьа иза паччахьан цІа чу йоьдура. Иза паччахьан цІа чу йоьдуш, зударий Іаш болчу хІусамера ша езаялийта шена луъург схьаэца магийна дара. 14Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Іуьйранна паччахьан зударий болчу дІайоьдуш хилла, ШаІа-Шагиз бохуш цІе а йолуш, паччахьан гІарбаш-зударшна тІехь Іуналла деш волчу ваьІна ялхочун куьйга кІел. Паччахьан цІа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоІ, цо цІе а яьккхина, цуьнга дІакхайккхалц.
15ТІаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тІекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХІаилан йоІ йолу Эсират Мардахайс, шен йоІ санна, тІелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьІначу ялхочо ХІигайс шена хьехам бинарг бен, хІумма а ца дийхира цо. Эсират дІагинчарна массарна а хазахеташ хилла. 16Паччахьан цІа чу Ахьаш-Варуш волчу Эсирате дІакхайкхира цуьнан паччахьалла лаьттачу ворхІалгІачу шеран уьтталгІачу Табат олучу баттахь. 17Паччахьна Эсират массо а зударел а дукхаезаелира. Цундела иза цуьнца дика а вара, цунна реза а вара. Ахьаш-Варуша Эсиратан коьрта тІе паччахьан таж а диллира, иза Вашатин метта паччахьан зуда йина дІа а хІоттийра. 18Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хІоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дІахІоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгІаташ дахьийтира.

 

Мардахайс паччахьан са кІелхьардоккху

 

19Зудабераш, паччахьца хиллачул тІаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІедиллина долу гІуллакхаш деш хилла. 20Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоІ санна, Мардахайн куьйга кІел ша хиларе терра, Эсирата ладугІура Мардахайга.
21Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІехь долу гІуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цІа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гІаролхо волу БагІтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгІаз а вахана, иза вен барт беш вуйла. 22Иза шена хиъча, Мардахайс и хІума паччахьан зуда йолчу Эсирате дІадийцира, ткъа Эсирата иза Ахьаш-Варуш-паччахье дийцира. Мардахайн цІарах цо иштта хаам а бира. 23Мардахайс аьлларг теллинчул тІаьхьа, паччахьна дІахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гІаролхо дитта тІехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гІуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тІехь дІаяздира.

 

3

 

ХІаман жуьгтий хІаллакбан дагахь ву

 

1Цул тІаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чІогІа сий деш, хьалаайинера агІагхо[4] волчу ХІамдатин кІант ХІаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дІахІоттийнера. 2Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болу массо а элий, ХІаманна хьалхахь охьа а теІаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тІедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьІара ХІаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. 3Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хІунда ца до ахьа?» 4ХІора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХІаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТІаккха элаша иза ХІамане дІадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дІадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла. 5Шена Мардахайс, охьа а таьІаш, корта ца беттар гича, ХІаман чІогІа оьгІазвахара. 6Цунна кІезиг хІума хийтира цхьа Мардахай вийна Іар. Цундела цо, Мардахай жуьгтийн къомах вуй шега дийцарна, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь болу массо а жуьгтий хІаллакбан бахьана лоьхура.
7Ахьаш-Варушан паччахьаллин шийтталгІачу шеран Нисан цІе йолчу хьалхарчу баттахь ХІаманна хьалха «пур» (иза «кхаж» бохург ду) тесира, де а, бутт а къастош, жуьгтий хІаллакбан лерина хан билгалъяккхархьама. Иштта Адар цІе йолчу шийтталгІачу беттан кхаж белира.
8Ахьаш-Варуш волчу а веана, ХІамана элира: «Хьан къаьмнашна юкъахь, пачхьалкх мел ю, массо а маьІІехь дІасадаьржина цхьа къам ду. Кхечу къаьмнийн доцу Іедалш ду цу къоман, ткъа цара пачхьалкхехь дІахІоттийна долу Іедалш кхочуш а ца до. Цундела паччахьо уьш иштта лелийта ца оьшу. 9Паччахьан лаам хилча, ас цуьнга цхьа кховдор дийр дара. И нах хІаллакбе аьлла, хьан омра хилча, аса итт эзар гали дато ахча дохьуьйтур дара хьан хазне, хьан хьал лардеш болчу нахе дІадала».
10ТІаккха паччахьо шен пІелга тІера мухІар, схьа а даьккхина, жуьгтийн мостагІа волчу а, агІагхо волчу а ХІамдатин кІанте ХІамане дІаделира. Цо иза, жуьгтий хІаллакбе аьлла, шен омра чІагІдеш дІаделира. 11Паччахьо ХІамане элира: «ХІара дети хьуна дІаделла ду, ткъа цу халкъана хьайна луъург де».
12Хьалхарчу беттан кхойтталгІачу дийнахь схьакхайкхира паччахьан кехаташ яздархой. Цара ХІаманан омранаш дІаяздира пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу къаьмнийн меттанашкахь а, церан йозанца а. И кехаташ паччахьан тхьамданашка а, хІора меттиган куьйгалхошка а, хІора къоман баьччанашка а яздина дара. И кехаташ паччахьан цІарах яздина дара, цуьнан мухІарца чІагІдина а дара. 13Геланчаша и кехаташ пачхьалкхан массо а маьІІе дІасадаьхьира. Цу кехаташ тІехь яздина дара, массо а жуьгтех волу стаг, къона а, къена а, бер а, зуда а ца къастош, цхьана дийнахь хІаллакбе, ткъа церан бахам схьа а баккха аьлла. Массо а жуьгтий байа безаш билгалдаьккхина долу де дара шийтталгІачу Адар беттан кхойтталгІа де. 14ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехат тІехь дІаязбина сацам, нахана хьалха дІа а бешна, гучубаккха безаш бара, уьш цу дийнахь кийча хилийтархьама.
15Паччахьан омрица массо а геланча сихха новкъа велира. Паччахьан сацам Шушан-гІалин гІопахь долчу халкъана дІабийшира. Паччаххьий, ХІаманний молуш Іаш вара, ткъа Шушан-гІалахь дехаш долу адамаш карзахдевлла хьийзаш дара.

 

4

 

Мардахайс Эсирате гІо доьху

 

1Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тІера бедарш этІийра. Цо, вон тІедеача юхуш йолу бедарш шена тІе а юьйхина, коьрта тІе чимаш тесира. ЧІогІа воьлхуш гІала аравелира иза. 2Паччахьан кевнна улло дІа а вахана, цигахь сецира иза, хІунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цІа чу ваха бакъо йолуш вацара. 3Паччахьан сацам дІакхаьчначу массо а маьІІехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Іохкуш бара.
4Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧІогІа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тІеюха хІума яхьийтира, цуьнга, шена тІера сингаттаман духар дІа а даьккхина, уьш тІеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира. 5ТІаккха Эсирата паччахьо шена тІехІоттийна волчу ваьІначу ялхочуьнга ХІатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хІун ду хьажа. 6ХІатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гІалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета. 7Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хІума дІадийцира. Цо иштта цунна дІахаийтира, жуьгтий хІаллакбархьама ХІамана паччахьан хазне охьадилла чІагІо йина долу дато ахча мел ду а. 8Цо иштта ХІатахига дІаделира, жуьгтий хІаллакбе аьлла, паччахьан сацам тІехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гІалин массо а маьІІе дІабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дІабовзийла а, цунна массо а хІума дІахоийла а. Цо Эсиратана тІедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар. 9ХІатахис, юха а веана, Эсирате дІадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг. 10ТІаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира: 11«Массо а паччахьан гІуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хІора зуда, я стаг, ша паччахьо тІекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Іедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гІаж дІакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тІе кхайкхаза ткъе итт де дІадаьлла».
12Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дІадийцира. 13ТІаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цІа чохь хиларна, кІелхьаръер ю. 14Нагахь санна хьо хІинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ІадІахь, жуьгташна гІо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цІа а хІаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хІара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж».
15Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира: 16«Ваха а гІой, Шушан-гІалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тІера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тІаьхьа со паччахь волчу гІур ю, иза Іедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».
17Мардахайс, дІа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.

 

5

 

Эсирата паччахьца къамел до

 

1КхозлагІчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тІе а юьйхина, паччахь чохь волчу цІийнан чухуларчу кертахь дІахІоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гІанта тІехь Іаш вара паччахьан цІа чохь, нийсса чувогІийла йолчу меттигна дуьххьал. 2Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агІор шен карахь йолу дашо гІаж дІакховдийра. Эсират, тІе а еана, цу дашочу гІожан йистах дІахьакхаелира. 3ТІаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хІума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХІун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дІаяла езахь а».
4Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХІаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогІийла луур дара суна».
5ТІаккха паччахьо элира: «Сихха ХІаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХІаманца цхьаьна шайна Эсирата хІоттийначу тойне веара. 6Ша чагІар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХІун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дІалур ю».
7ТІаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду: 8нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХІаманца цхьаьна аса церан сийнна хІотто леринчу тойне вогІур ву. ТІаккха дІаэр ду аса паччахье сайна луург».

 

ХІаман Мардахайна оьгІазвахар

 

9Цу дийнахь ХІаман паччахь волчуьра чІогІа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХІара тІехволуш, Мардахай ХІаманна хьала а ца гІаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТІаккха чІогІа оьгІазвахара иза цунна. 10Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цІа ваханчул тІаьхьа, цо шен доттагІий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира. 11ХІаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кІентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а. 12Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне. 13Амма цу хІуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргІат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Іаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го».
14ТІаккха Зеришата а, массо доттагІаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бІогІам дІахІоттабе алий, омра де. Іуьйранна паччахье цу тІехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тІаьхьа, хьайн дог паргІат а долуш, паччахьца тойне гІур ву хьо». И дешнаш ХІаманна чІогІа тайра. Цо омра дира, бІогІам дІахІоттабе аьлла.

 

6

 

Мардахайн сийдар

 

1Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хІума дІаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира. 2Цу тептар тІехь дІаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагІтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хІума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а. 3ТІаккха паччахьо хаьттира: «ХІун сий а, дика а дина Мардахайна и хІума бахьана долуш?»
Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хІума ца дина».
4Паччахьо хаьттира: «ХІинца мила ву кертахь?»
Цу хенахь паччахьан цІийнан арахьарчу керта ХІаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бІогІам тІе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.
5Ялхоша жоп делира: «ХІаман ву кертахь лаьтташ».
Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга».
6ХІаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХІун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» – аьлла.
Ткъа ХІаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?»
7Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хІара дан деза: 8хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тІе паччахьан таж а диллийта. 9И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дІало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тІеюхийта. Цул тІаьхьа, и стаг цу говрана тІе а хаавай, гІалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ – аьлла».
10Паччахьо ХІамане элира: «ХІинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гІуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хІума. Айхьа аьллачунна тІера цхьа а хІума дІа ма даккхалахь».
11ХІамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тІе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гІалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХІамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»
12Цул тІаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХІаман гІийла, юьхьІаьржачу хІоттарна шен корта къайла а баьккхина, цІа ваха сихвелира. 13Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагІашка а шена мел хилларг дІадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».
14Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХІаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.

 

7

 

ХІаман ирхъоллар

 

1Паччахь ХІаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара. 2Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагІар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хІун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дІаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».
3ТІаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХІара ду-кх сан хьоьга долу дехар, 4хІунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хІаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хІумма а эр дацара, и хІума а дина, мостагІчо паччахьна хилла зе меттахІоттор доццушехь[5]».
5ТІаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хІума динарг мила ву? Схьагайта суна и хІума дан ваьхьна волу стаг».
6Эсирата элира: «И буьрса мостагІа а, зуламе стаг а хІара ву: ХІаман!»
Ткъа ХІаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара. 7ЧІогІа оьгІазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гІаьттина, шен цІенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХІаман Эсирате, ша кІелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таІзар дийр дуйла. 8Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агІоръяьлла Іаш йолчу меттан йисте воьжна Іуьллуш волу ХІаман. ЧІогІа оьгІазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тІекхетта хьо!»
Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХІаманан юьхь къайлаяьккхира. 9Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу».
ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!»
10ХІаман ша Мардахайна кечбина болчу бІогІам тІехь ирхъоьллира. Цул тІаьхьа паччахь оьгІазваханчуьра юхавирзира.

 

8

 

Паччахьо, жуьгташна гІо де аьлла, омра до

 

1Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дІаделира жуьгтийн мостагІ волчу ХІаманан цІенош. Мардахай паччахьна улло веара, хІунда аьлча Эсирата цунна дІахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар. 2ХІаманера ша схьаяьккхина йолу шен чІуг, пІелга тІера схьа а яьккхина, Мардахайга дІаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХІаманан цІенна тІехь коьрта тІехьожург вина, дІахІоттийра.
3Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агІагхо волчу ХІамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш. 4Паччахьо шен дашо гІаж Эсиратана тІе хьажийра. Эсирата, хьала а гІаьттина, паччахьна хьалха дІа а хІоьттина, 5элира: «Паччахь, хьайн цу тІехь лаам а белахь, хьан бІаьргашна со езаш а елахь, хьан бІаьргашна хьалха хІара нийса а делахь, сан дуьхьа хІара гІуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агІагхо волчу ХІамдатин кІанта ХІамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хІаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош. 6Муха ловр бу ас сан къомана тІехІоьттина болу бохам а, сан гергара нах хІаллакьхилар а?»
7ТІаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХІаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дІабелла, ткъа иза ша бІогІамна тІе ирхъоьллина. 8Амма паччахьан цІарах яз а дина, цуьнан мухІарца чІагІдина долу кехат цхьаннан а дІадаккха бакъо яц. ХІинца аша, шайна бакъахьа хетарг тІе а яздай, паччахьан цІарах кехат кечде, иза паччахьан мухІарца чІагІ а де».
9Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгІачу Сиван-беттан ткъе кхоалгІа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц долчу бІе ткъе ворхІ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Іаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тІера элпашца а яздина дара. 10Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цІарах дІаяздайтира, паччахьан мухІарца чІагІ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дІасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла). 11Цу кехаташ тІехь яздина дара, паччахьо хІора гІалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагІех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хІаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тІелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дІабахьа а. 12И хІума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІа де. Жуьгташна и хІума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь. 13ХІора пачхьалкхана чуйогІуш йолчу меттигехь цу кехата тІера схьаязбина сацам нахана хьалха дІабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагІашна бекхам бан кийча хилийтархьама. 14Паччахьан сацам тІехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дІабовзийтира Шушан-гІалин гІопахь а.
15Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тІехь кІайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тІехь таьІна-цІен вēтанан тоьллачу кІадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гІалахь дІахІоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара. 16Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара. 17Паччахьан сацам дІакхаьчначу хІора меттехь а, хІора гІалахь а адам чІогІа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дІа а хІиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хІунда аьлча уьш жуьгтех чІогІа кхерабеллера.

 

9

 

Жуьгтийн толам

 

1ШийтталгІачу Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь дерриг а халкъо паччахьан сацам кхочушбан безара. Иза дара жуьгтийн мостагІий, уьш кара а берзош, царна таІзар дан кечбелла долу де. Амма жуьгташа, толам а баьккхина, массо а мостагІа шайна караверзийра. 2Массо а жуьгтийн къомах волу стаг Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь мел йолчу гІаланашка схьагулвелира, шаьш хІаллакдан Іалашо йолуш арабевллачарна тІелата дагахь. Цхьа а стаг царна дуьхьал ца латталора, хІунда аьлча массо а къаьмнаш жуьгтех кхераделла дара. 3Массо а меттигера элий а, тхьамданаш а, куьйгалхой а, паччахьан омранаш кхочушдеш болу хьаькамаш а жуьгташна гІо деш бара, шаьш Мардахайх кхоьру дела. 4Мардахай паччахьан цІен тІехь чІогІа дош догІуш стаг хилла дІахІоьттинера. Цуьнан сий пачхьалкхан массо а маьІІехула дІасадаьржира, хІунда аьлча иза, де дийне мел дели, лакхарчу дарже хьалаваьлла воьдуш вара. 5Жуьгташа шайн мостагІий, тарраш детташ, бойуш а хилла, шайн болчу ницкъаца хІаллакбеш а хилла. Шаьш ца безаш болчарна цара шайна луъург деш хилла. 6Шушан-гІалин гІопахь пхи бІе стаг вийна хилла цара. 7Паршандати а, Далпан а, Аспати а, 8Пурати а, Адал-ЯхІу а, Аридати а, 9Пармашти а, Арисай а, Аридай а, Вайзати а вийра цара. 10Уьш ХІамдатин кІентан ХІаманан итт кІант вара. ХІаман жуьгтийн мостагІа вара. Цундела цара уьш байина дІабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира.
11Цу дийнахь паччахьна дІахиира маса стаг вийна Шушан-гІалин гІопахь. 12Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гІалин гІопахь жуьгташа пхи бІе стаг вийна, царна юкъахь ХІаманан итт кІант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хІун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хІун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».
13Эсирата цунна жоп делира: «Паччахьан цу тІехь лаам белахь, суна луур дара Шушан-гІалахь болчу жуьгташка кхана а тахана диннарг дойла а, иштта ХІаманан итт кІентан декъий дитташна тІехь ирхъухкийла а». 14Паччахьо омра дІаделира иштта дан. Шушан-гІалахь и сацам дІабовзийтира. Цара ХІаманан итт кІентан декъий ирхъоьхкира. 15Адар-беттан дейтталгІачу дийнахь Шушан-гІалахь вовшах а кхетта, жуьгташа кхин а кхо бІе стаг вийра, амма церан бахамах цхьа а хІума схьа ца ийцира.
16Пачхьалкхан кхийолчу меттигашкахь Іаш болчу жуьгташа, шаьш лардархьама а, шайн мостагІех шаьш паргІатдахархьама а, вовшах а кхетта, кхузткъе итт эзар мостагІа вийна хилла, амма церан бахамах куьг ца тоьхна. 17И хІума хилира Адар-беттан кхойтталгІачу дийнахь. Ткъа цу беттан дейтталгІачу дийнахь, дагна синтем а хилла, цара и де, самукъане деза де дина, дІахІоттийра.
18Ткъа Шушан-гІалахь бехаш болу жуьгтий Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь вовшахкхеташ хилла. ПхийтталгІачу дийнахь цара садоІуш хилла. И де цара, самукъане деза де а дина, дІахІоттийна хилла. 19Цундела ярташкахь Іаш болчу жуьгташа Адар-беттан дейтталгІа де, чІогІа самукъане де дина, дІахІоттийна хилла. Цу дийнахь цара вовшийн самукъадоккхуш а хилла, вовшашна совгІаташ деш а хилла.

 

Пурим олу деза де

 

20Мардахайс, и массо а хІума дІа а яздина, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь генахь а, уллохь а Іаш болчу массо а жуьгташка кехаташ дахьийтира, 21хІора шеран Адар-беттан кхойтталгІачуй, дейтталгІачуй деношкахь Пурим олу деза де дазде аьлла. 22И денош жуьгташа даздан дезаш хилла, хІунда аьлча цу дийнахь уьш шайн мостагІех паргІатбевлла хилла дела. Цу баттахь цаьргахь хилла болу бала церан сакъерар хилла дІахІоьттира, церан белхар самукъане деза де хилла дІахІоьттира. Цара цу деношкахь, тойнаш а деш, вовшашна совгІаташ дала а, гІийлачарна сагІина хІума яла а дезара. 23Жуьгташа цу деношкахь шаьш дан долийнарг а, Мардахайс шен кехаташ тІехь шайна тІедиллинарг а хазахетарца тІеийцира.
24АгІагхо волчу ХІамдатин кІант ХІаман, массо а жуьгтийн мостагІа, уьш хІаллакбан дагахь араваьлла хилла. Цу Іалашонца цо, жуьгтий хІаллакбен де билгалдоккхуш, «пур» тесна а хилла (иза «кхаж» бохург ду). 25Эсират паччахь волчу яханчул тІаьхьа, цо керла сацам тІехь болу кехаташ дахьийтина хилла. Цу сацамо ХІамана жуьгташна дуьхьал зуламе леринарг цуьнан шен коьрта тІе дерзийна хилла: ХІаман а, цуьнан кІентий а бІогІамашна тІехь ирхъоьхкина хилла. 26Цундела «пур» аьллачу дашца цу дезачу дийнан цІе, «Пурим» аьлла, тиллина хилла. Мардахайс дІаяздина долу дешнаш а, шайна гинарг а, шайн къомана лерина хилларг а бахьана долуш, 27жуьгташа а, церан тІаьхьено а, царна тІебаьхкинчу наха а хІора шарахь билгалъяьккхинчу хенахь и ши де, шайна дІаяздина ма-хиллара, деза де дина дІахІоттош хилла. 28Церан тІаьхьенаша а даздан дезаш дара и денош. Пачхьалкхехь йолчу хІора меттехь а, хІора гІалахь а даздан дезаш дара Пурим. Жуьгташа цкъа а даз ца деш дита ца деза аьлла хилла и деза де. И хІума массо а тІаьхьенна дагадоуьйтуш хила дезара.
29Паччахьан зуда йолчу а, Абу-Хьаилан йоІ йолчу а Эсирата жуьгти волчу Мардахайца цхьаьна цхьа кехат дІаяздира, Пурим олучу дезачу дийнах лаьцна Мардахайс дІаяздина долу хІара шолгІа кехат чІагІдархьама. 30Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь йолчу бІе ткъе ворхІ меттигехь бехаш болчу жуьгташка дІасадахьийтина хилла хІара кехат. Кехатан дешнаш машарх а, тешамах а лаьцна хилла. 31И кехаташ яздаран Іалашо Пурим олу деза де цхьана билгалъяьккхинчу хенахь даздар хилла. Паччахьан зудчо Эсирата а, жуьгтий волчу Мардахайс а дІадахьийтина хилла шайн сацам тІехь болу кехаташ. Цу тІехь цара массарна а тІедиллира, и деза де шайна а, шайн тІаьхьенашна а цхьана билгалъяьккхинчу хенахь дазде аьлла. Кехат тІехь яздина дара, цу деношкахь цара марханаш кхаба а, белхар дІахІотто а деза аьлла. 32Эсиратан кехато Пурим олучу дезчу дийнан бакъонаш чІагІйира, иза тептар тІе дІа а яздира.

 

10

 

Мардахайн сийдар

 

1Паччахь волчу Ахьаш-Варуша латтанашна тІера а, хІордан гІайренашна тІера а ял ялар тІедожийра шен халкъана. 2Ахьаш-Варуша дина долу даккхий а, инзаре а гІуллакхаш парсихойн а, мадайхойн а паччахьийн дІаяьлла йолчу хенах лаьцна яздинчу тептарш тІехь дІаяздина ду. Паччахьо Мардахайн сийдарх а, иза хьалаваккхарх а лаьцна ду цу тептарш тІехь. 3Жуьгти волу Мардахай Ахьаш-Варушал тІаьхьа шолгІа стаг хилла цу пачхьалкхехь. Жуьгташна юкъахь чІогІа сийлахь хилла Мардахай, царна везаш а хилла иза, хІунда аьлча цо шен къомана дика долу хІума лохуш а хилла, цуьнан тІаьхьенан дуьхьа машарх лаьцна вистхуьлуш а хилла.

 

 

 

Аюб

Дешхьалхе

 

Аюб цІе йолчу тептар тІехь цхьана дикачу стагах лаьцна дуьйцуш ду. Оцу стагана боккха бохам тІебогІу – цуьнан дерриге бераш а, бахам а бов, ткъа дегІах цхьа дегаза ун лета. Байташца олу къамелаш тІехь долчу тептаран кхаа декъехь яздархочо гойту бохамаш беанчул тІаьхьа Аюбан доттагІаша а, Аюба ша а йина ойланаш. Оцу къамелашкахь дукха дуьйцу Делан адамашца йолчу юкъаметтигех лаьцна. Тептаран чаккхенахь Дела Ша Аюбана дуьхьалхІутту.
Аюбан доттагІаша цо хьоьгу Іазапаш туьду хІетахьлерчу динан ламасташца догІучу дешнашца. Царна моьтту, Дела даим дикачунна совгІат луш а, вочунна таІзар деш а ву. Иштта, Аюба Іазапаш хьегаро гойту цо къинош летийна хилар. Амма Аюбана цунах кхета дукха атта ду. Цунна моьтту, ша дика а, нийса лелаш а стаг хиларна, цу тайпана къиза таІзар шена ца догІу. Иза ца кхета, Дала сел доккха зулам шена хІунда хилийтина. Иза майрра Деле вистхуьлу, и хІума кхетор доьхуш. Шен Делах долу тешар дан а ца довш, Далла хьалха ша бехказаваккхарх а, дикачу стагана санна шена догІу сий айаре а сатуьйсуш ву Аюб.
Аюба динчу хаттаршна билггал долу жоп ца ло Дала, амма, Аюбан тешар бахьана долуш, Дала цуьнга пайхамаре санна хаам бо. Дала цунна дуьхьал сурт хІоттадо Шен ницкъах а, хьекъалх а лаьцна. ТІаккха Аюба къобалдо Дела хьекъале а, сийлахь а хилар. Ша акха а, оьгІазе а дешнаш аларна дохковолу иза.
Тептар чекхдолучу декъа тІехь дуьйцуш ду хьалха хиллачул а сов Аюбан хьал юхаметтахІоттарх лаьцна. Дала бехкебо Аюбан доттагІий, уьш Аюба хьоьгучу Іазапийн маьІнах ца кхетарна. Аюбана бен ца хиира Дела хІетахьлерчу динан ламасташа дуьйцучул сийлахь хилар.

 

1

 

Иблисо Аюб зер

 

1ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. 2Аюбан ворхІ кІант а, кхо йоІ а дара. 3Цуьнан ворхІ эзар уьстагІ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бІе шуьста а, пхи бІе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.
4Цуьнан кІенташа тойнаш хІиттадора, рогІ-роггІана кхиберш шайн-шайн хІусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Іайтархьама. 5Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора.
6ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа[1] а деъна. 7Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?»
Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со».
8ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш ву иза».
9Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? 10Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. 11Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву».
12ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хІума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Іотта». ШайтІа Веза Эла волчуьра дІадахара.

 

Аюбан бераш а, бахам а хІаллакьхилар

 

13Цхьана дийнахь Аюбан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш Іаш бара шайн воккхаха волчу вешин цІахь. 14Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тІехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра. 15Амма цІеххьана тІелеттачу шебахоша[2] хьан даьхни лаьхкина дІадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».
16Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цІе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагІий а, ялхой а дІакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».
17И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агІонгара хашадхой тІе а летта, цара эмкалш лаьхкина дІайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хІаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».
18ХІара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь. 19ЦІеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цІийнан биъ пен охьабожийра. ЦІа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».
20Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза. 21Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дІа а гІур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дІа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цІе!»
22И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Іиттарш а ца йина.

 

2

 

ШайтІано юха а Аюб зер

 

1Юха а Стигаларчу гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІиттира. Царна юкъахь шайтІа а дара. 2Везачу Эло хаттар дира цуьнга: «Хьо стенгара схьадеана?» – аьлла.
Везачу Элана жоп луш, шайтІано элира: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со».
3Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а».
4Иблисо жоп делира Везачу Элана: «ЦІокана дуьхьал цІока ло. Шен дахарна дуьхьал стага массо а хІума дІало. 5Хьайн куьг дІа а кховдадай, цуьнан даьІахках а, дилханах а кхетахьа. Аса жоп ло-кх, иза Хьан бІаьргашна хьалххахь Хьуна лен ца волалахь!»
6Везачу Эло шайтІане элира: «Дика ду, иза хьан карахь ву, амма цуьнан дахар ахьа кхоо деза».
7ШайтІа Везачу Элана уллора дІадахара. Цо Аюбан дегІа тІе когаш тІера дуьйна коьрта тІе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даІ туьйхира. 8Цу даІ тІе хьакха кхийрачу пхьегІех йолу гериг схьа а эцна, овкъарш тІе охьахиира Аюб. 9Цуьнан хІусамнанас цуьнга элира: «Хьо хІинца а чІогІа хьайн кхачамалла ларъеш ву? Далла ле, тІаккха хьо лийр ву!»
10Амма Аюба цунна жоп делира: «Ахьа дуьйцург хьераяьллачо дуьйцур дара. Делера диканиг схьа а оьцуш, вониг дІататта деза те вай?» И дерриг а ша деш, шен дешнашца Аюба къа ца латийна.

 

Аюбан доттагІий

 

11Аюбана хиллачу бохамах лаьцна цуьнан кхаа доттагІчунна хезира. Уьш шайн-шайн меттигашкара арабевлира: теманхо волу Элипаз а, шуахьахо волу Билдад а, иштта наІматхо волу Цупар а. Уьш вовшахкхийтира, Аюб волчу кадам бан а, цуьнан догъэца а бахархьама. 12Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧІогІа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тІера бедарш а этІош, коьрта тІехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. 13ВорхІ дийнахь а, ворхІ буса а Іийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хІунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар.

 

3

 

Аюб вистхилар

 

1Цул тІаьхьа Аюб ша винчу денна неІалт кхайкхо волавелира. 2Цо бохура:
3«ХІаллакьхилла дІадолийла со вина долу де а,
сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а.
4Іаьржа бода хилла дІахІуттийла и де,
стигалахь волчу Далла иза дага а ма догІийла,
Цо оцу денна тІе серло а ма лойла!
5Бодано а, Іожаллин ІиндагІо а юхадохийла иза.
Марха со винчу денна тІе хІуттийла.
Іаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.
6Бодано и буьйса чІогІа схьалоцийла!
Шеран деношна юккъе ма йогІийла иза,
беттийн деношна юккъе а ма йогІийла!
7Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла!
Ма хезийла цу буса синкъераме аз!
8Левиятан цІе йолу хІордан саьрмик лело хууш болчу
бозбунчаша неІалт кхайкхадойла цу денна!
9Цуьнан Іуьйренан седарчий Іаржделла хуьлийла!
Іуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна,
маьлхан зІаьнарш а ма гойла цунна!
10Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а,
цо хІара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!

 

11ХІунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш,
хІунда ца велла дуьнен чу воллушехь?
12ХІунда эцна со шайн кара,
хІунда белла суна накха?
13ХІинца паргІат Іуьллуш хир ма вара со,
синтемехь а хир ма вара со,
14паччахьашца а, хьехамчашца а,
дассийна цІенош шайна юхаметтахІиттийна болчу.
15Я элашца Іуьллуш хир вара, деши а гулдеш,
шайн цІенош детих хьаладузуш болчу.
16Хеназа бер санна со къайла хІунда ца ваьккхина?
Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дІа хІунда ца воьллина?
17Белла Іесанаш вонаш дечуьра ма совцу,
шаьш кешнашка ма-кхеччи,
дахаро гІелбинарш цигахь садоІуш ма хуьлу.
18Цигахь лаьцна болу нах а паргІат ма бовлу,
шайн тІехьожуш болчеран аз а ца хезаш.
19Лараме боцурш а, цІеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу,
ткъа лай шен олахочунна хьалха паргІат хуьлу.

 

20ХІунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло,
синан гІайгІанехь волчунна дахар а хІунда ло?
21Цара Іожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу,
мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.
22И санна болу нах, шайна каш карийча,
баккхийбеш хир бара, чІогІа цунах сакъераделла.
23ХІунда луш ю адамна серло,
цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча,
массо а агІор Дала цунна го бина хилча?
24Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду,
хи санна, охьаоьхуш сан бІаьрхиш ду.
25Со къаьхкаш хилларг суна тІекхечи,
со кхоьруш хилларг суна хили.
26Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац,
я садаІар а дац: сан са карзахдаьлла».

 

Къамелийн хьалхара дакъа

 

(4:1 – 14:22)

 

Элипаз

 

4

 

1Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира:
2«Хьоьга хІума алахь, хьуна вас хир ю те?
Делахь а, вист ца хуьлуш мила Іалур ву?
3Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора,
гІелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,
4гІийланиг хьан дешнаша чІагІвора,
ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.
5Амма хІинца хьуна тІе вон деъна, ткъа хьо гІайгІанехь ву,
хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.
6Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те?
Хьан некъаш кхоччуш цІена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?
7Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хІаллакьхилла гиний хьуна,
я бакъахьа леларг таІзар дина гиний?
8Зулам охучара а, вониг тосучара а
бохамийн ялта схьаэцар гина суна.
9Делан садеІаро уьш хІаллакбо,
Цуьнан оьгІазлоно уьш боха а бо.
10Лоьмаша деш долу гІигІ Дала дІасоцуьйту,
къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.
11Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле,
ткъа лоьмийн кІорнеш дІасаяьржа.

 

12Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга,
сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,
13сингаттамечу буса гуш долу гІенаш санна,
чІогІа наб а кхетта, адам дІадижначу хенахь.
14Суна чІогІа кхерам тесна дела,
сан массо а даьІахк егош яра.
15Суна тІехула цхьа са дІадахара,
ткъа сан коьртара месаш ирахІиттира.
16Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора,
сан бІаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара.
Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:
17„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила?[3]
Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цІена хила?[4]
18Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Іаш вац,
ур-атталла Шен маликашна тІехь а Цунна кхачамбацарш го.
19Кхин а кІезиг тешна Іаш хир ву Иза адамех,
церан догІмаш поппарх дича санна долчу,
церан дахар гІамар тІехь лаьтташ санна долчу.
Уьш-м нецал а атта тІетоьхна дайалур ма ду.
20Іуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду,
цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хІаллакьхуьлу.
21Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху.
Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».

 

 

Элипаза кхидІа а элира

5

 

1«Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду?
Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гІо доьхур ду?
2Карзахвийларо сонтаниг войур ву,
хьегаро хьекъал доцург хІаллаквийр ву.
3Іовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна,
амма сихха цуьнан цІенна неІалт кхайкхийна ас.
4Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду.
Нагахь гІалин кевнна уллохь
цаьрца стаг кхеле валахь,
царна гІо дан цхьа а вац.
5Цуьнан ялта мецачо дІакхоллур ду,
цо иза ур-атталла коканех а цІандийр ду,
ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.
6Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац,
ткъа бохам кха тІехь хьалаболуш а бац.
7ЦІеран суйнаш ирх ма лелххара,
адам бала хьега кхоьллина ду.

 

8Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тІе воьрзур вара,
сайн гІуллакх аса Цунна хьалха дІахІоттор дара.
9Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш,
Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац.
10Цо лаьтта тІе догІа а доуьйту,
кхаш тІе хи а дуьллу.
11Шаьш кІезиг хеташ берш Цо лакхабоху,
тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.
12Цо хІилланчийн дагалацамаш бохабо,
уьш кхочуш ца хилийтархьама.
13Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хІилланца схьалоцу,
мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.
14Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча,
буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.
15Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кІелхьарвоккху,
мисканиг церан бетера догІучу туьрах Цо ларво.
16Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю,
ткъа харцоно шен бага дІачІагІйо.

 

17Декъала ву Дала нисво стаг.
Нуьцкъалчун таІзар дегаза ма хета,
18хІунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дІа а йоьхку.
Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.
19Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо,
уьш хьох хьакха а лур бац.
20Дала мацаллех хьо кІелхьарвоккхур ву,
тІам тІехь туьрах а ларвийр ву.
21Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву,
бохам хьайна тІебеача,
цунах хьо кхера ца веза.
22ХІаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву,
акхаройх а хьо кхоьрур вац.
23Аренгахь долчу тІулгашца а хьан барт хир бу,
акхарой а хир ю хьоьца машарехь.
24Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла,
ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хІума хир доцийла.
25Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар,
хьайн тІаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.
26Къанвелча бен хьуна Іожалла гур яц,
ялтин цІевнаш шен хеннахь дІа-ма-хІиттора.
27И хІума тхуна иштта хир дуйла хиъна,
цундела, тхоьга ла а догІий, хІара хьехар дІаэца».

 

Аюба Элипазана жоп далар

 

6

 

1Аюба иштта жоп делира:
2«Сан гІайгІа озалур елахьара!
Сан бала терзанна тІе буьллур белахьара!
3Иза хІордан йистера гІамарал а беза хир бара.
Цундела ду сан къамел сел доьхна!
4Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегІах дохкуш.
Сан синна хаало церан дІовш,
Делан къематаш ду суна тІедерзийна.

 

5Акхачу виро мохь хьоькхий баца тІехь?
Сту Іоьхий шен хьаьвданна тІехь?
6Чаьмза хІума йоий туьха доцуш?
Чам буй хІоьан кІайчу декъан?
7Бац! Аса и тайпа яа хІума юур яц!
И кхачанаш суна дегаза хета!

 

8Сан дехар кхочушдийр делахьара!
Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!
9Со дІахьаша Дела реза хилахьара!
Куьг дІа а хецна, Цо со хІаллаквийр велахьара!
10Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара,
хІара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а,
воккхаверна со ирхлелхаш хир вара,
Везачу Делан дешнаш аса дІатеттина ца хиларна.
11Сан гІора дІадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц,
кхидІа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.
12Сан ницкъ тІулг санна бу те?
Сан дегІ цІастанах дина ду те?
13Буй те соьгахь сайна гІо дан ницкъ,
буй те сан тІетовжа меттиг?

 

14Дог доьхначу доттагІчунна тешаме воцу стаг велахь,
иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.
15Амма шу тешаме дац, сан вежарий.
Сиха йоьдучу хин Іоврех болччул бен тешам бац шух,
16шайна чохь дешаш долу ло а,
шен гІорзанаш а хиларна Іаржъелла йолчу.
17Йохъелча, уьш къайлайовлу,
йовхонан чилла йоьлча,
шайн меттигашкахь якъало.
18Церан некъан хершнаш хьийза,
ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дІайовлу.
19Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху,
Шеба-махкара богІуш берш а сатийсамца дІасахьоьжу.
20Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш,
амма цига кхаьчча, дог доьхна дІахІуьтту уьш.
21ХІинца шу а ду иштта: шайна вон гича,
кхера а лой, дІахІуьтту шу.
22Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“,
я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,
23я „МостагІийн карара со паргІатваккхийша“,
я „Къизачу нахах кІелхьарваккхийша“?

 

24Соьгара даьлларг дийцийша суна.
Схьагайтийша, со стенна тІехь харц ву.
ТІаккха со дІатийна хир ву.
25Ма боккха ницкъ бу-кх догцІеначу дешнашкахь!
Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?
26Ас дина къамел тІехтоха дагахь ду шуна?
Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?
27Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша,
шайн доттагІа дикачу мехах дІавухкур вара аша.
28Ткъа хІинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга,
дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?
29Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг.
Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.
30Аса шуна харцдерг ца дуьйцу.
Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»

 

 

7

 

1Аюба элира:
«Адамо дуьнен тІехь чІогІа къахьега дезаш ду.
Цуьнан дахар тІелаьцначу белхалочун санна ду.
2Стаг, суьйренан ІиндагІах хьоьгуш волу лай санна ву,
иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву.
3Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду,
гІайгІанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю.
4ДІавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гІоттур ву те со хьала?“
Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дІасакерчаш Іуьллу со.
5Сан дегІ кІомарех а, нІаьнех а хьаладуьзна,
дегІа тІера чкъор эттІа,
ткъа цу чевнашна ноткъа йина.
6Сан денош кІади деш йолчу чорха тІехь
дІасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тІехлелха,
сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу.

 

7Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла,
сан бІаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла.
8Со хІинцца гинчу бІаьргашна а со кхин гур вац.
Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац.
9Марха, нилха а йолий, дІайоьду,
иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогІу.
10Иза цкъа а ша дитинчу цІа чу юхавоьрзур вац,
цуьнан цІенна а иза кхин вевзар вац.
11Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац –
аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду,
сайгахь болу бала а дІабуьйцур бу.

 

12Со хІорд бу те я хІордан саьрмик бу те,
Ахьа со ларван гІарол хІотто?
13„Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу,
сан аьрзнех маьнгано суна гІоле йийр ю“, – аьлла, аса ойла йича,
14Ахьа со инзаречу гІенашца кхераво,
буьйсанан суьрташца со Іадийна латтаво.
15Цундела со садукъдина валар гІоле яра,
хІокху сайн дегІа чохь со вехачул.
16Суна сайн дахар къахьделла.
Массо а ханна со вехаш хир вац.
Витахь со, хІунда аьлча сан дахар эрна ду.

 

17ХІунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах?
Ахь иза леррина тергал хІунда веш ву?
18ХІунда вогІу Хьо и волчу хІора Іуьйранна?
ХІунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь?
19Суна тІера бІаьрг Ахьа дІа хІунда ца боккху?
Цхьанна а ханна Ахьа со-со хІунда ца вуьту?
20Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара,
Хьуна хІун зен дийр дара ас?
ХІунда хІоьттина со Хьан Іалашо хилла дІа?
Ахь дІакхехьа беза мохь сох хиллий те?
21Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хІунда ца до?
Сан зуламна къинтІера хІунда ца волу Хьо?
Со кестта ченалахь Іуьллур ма ву.
Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац».

 

 

Аюбе Билдада къамел до

 

8

 

1ТІаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира:
2«Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел?
Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.
3Дала бакъдерг гамдо те?
Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?
4Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь,
и къинош бахьана долуш Цо таІзар до царна.
5Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь,
нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,
6хьо билггал дика а, догцІена а велахь,
Иза хьуна орцах ван хьелур вац,
хьуна йогІу хІусам Цо тойийр ю.
7Хьан долахь хилларг кІезиг хетар ду,
хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.

 

8Хьайн дайшка хатта,
царна гинчух лаьцна ойла е.
9Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хІумма а ца хаьа,
дуьнен тІехь долу тхан дахар, ІиндагІ санна, сихло.
10Дайша хьо Іамор ву, цара эр ду хьоьга,
шайн дага тІера дешнаш схьадохур ду:

 

11„Уьшал йоцучохь шач тІейолий?
Хи доцучохь эрз тІеболий?
12Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дІалакъийча,
вукху бецал а хьалха маргІалбоьлла дІахІуттур бу.
13Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш.
Иштта хІаллакьхир ю Іесачеран сатуьйсийла.
14Цуьнан сатуьйсийла ледара ду,
цуьнан тІетовжийла гезгамаша бу.
15Шен цІенна тІе тевжар ву иза, амма латталур вац,
цо схьалоцур ду иза, амма иза хІотталур вац“.

 

16Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву,
цуьнан зІийдагаш ерриг а бешахула дІаса а хецна.
17Цуьнан орамаш тІулгех дІатийсалуш ду,
жагІанна юккъехула дІаса а даьржаш.
18Амма и орамат ша хьалха тІедолуш хиллачуьра схьадаьккхича,
и тІедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду.
Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“
19Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар,
ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тІедовлу.

 

20Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дІа ца тосу,
вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гІо а ца до.
21Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар,
Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.
22Хьо ца везарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу,
иштта Іесачеран четарш а кхин хир дац».

 

 

Аюба Билдадана дуьхьал жоп ло

 

9

 

1ТІаккха Аюба жоп делира:
2«Бакъ ду, со дика кхета ахь бохучух.
Амма Далла хьалха адам нийса муха хир ду?
3Нагахь цунна Цуьнца къовсавала лаахь,
эзар хаттарна юккъера цхьанна а адаме жоп далалур дац.
4Веза Эла хьекъал долуш а ву, Цуьнгахь ницкъ а бу,
Цунна дуьхьал а ваьлла, зен ца хуьлуш виснарг мила ву?
5ЦІеххьана Цо лаьмнаш меттахдоху,
Шен оьгІазаллехь уьш харца а до.
6Цо латта меттах а доккху,
цуьнан баххаш дега а до.
7Цо омра дича, малх а схьакхетар бац,
Цуьнан седарчий дІакъовла а таро ю.
8Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо,
Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг.
9Дала кхоьллина ду Ча а, Орион а, ВорхІ Седа а,
иштта къилбехь долчу седарчийн массо куьцаш а.
10Цо мел деш дерг кхетам тІе ца кхочуш ду,
Цуьнан тамашийна хІуманаш дагар а далур дац.

 

11Иза уллохула тІехваьлча, суна гур а вац,
Иза гергахула лелча, суна хаалур а вац.
12Цунна хІума дІадаккха лаахь, Иза хьаьнга сацалур ву?
Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа иза хІунда до?“
13Дала Шен оьгІазалла сацор яц,
хІордан саьрмик болчу РахІабан гІоьнчий а
Цуьнан куьйгашна кІел охьатаІийра.
14Ткъа со муха къовсалур ву Цуьнца?
Карор дуй суна Цуьнга ала хІума?
15Со бехк боцуш хилча а, соьга Цунна дуьхьал дош дахьалур дац.
Соьга сан Кхелахочуьнга нийсо яр бен дехалур дац.
16Ас кхайкхинчул тІаьхьа Цо суна жоп делча а,
со тешар вацара, Цунна со дІахезна аьлча.
17Йилбазмох а хьокхуьйтуш, Иза суна тІекхета,
бахьана доцуш сан чевнаш Цо совйоху,
18соьга доккха са ца доккхуьйту Цо,
сан дахар баланех хьаладузу.
19Ницкъах лаьцна аьлча, Иза уггар Нуьцкъалниг ву.
Кхелах лаьцна аьлча, Цо олу: „Со кхеле хьан озор вара?“
20Со бакъ велахь а, сан матто суна кхел йийр яра.
Со бехке вацахь а, Цо со бехке ву эр дара.
21Со бехке вац! Сан бала бац сайна хІуъа хир делахь а,
хІунда аьлча суна сайн дахар къахьделла.
22Аса сайга боху: „Массо а хІума бен доцуш ду.
Бехк боцург а ле, бехк берг санна.
Массеран а дахар хадош верг Дела ву“.
23Еттачу шедо цІеххьана Іожалла еача,
бехк боцург дог доьхна хьовзарх кхаьрда Иза.
24Дуьне Іесачеран кара дІаделла ду,
ткъа Цо кхелахойн бІаьргаш дІакъовлу.
Цо дІакъовлуш ца хилча, хьан къовлу уьш?

 

25Сан денош геланчел а сиха дІаоьхуш ду,
цхьа а дика ца гуш, уьш дІаоьхуш ду.
26Уьш, эрзах дина дайн хинкема санна, тІехдуьйлуш ду,
шен ижуна тІехьаьдда куьйра санна, сиха тІехлелха уьш.
27Ас Хьоьга ала тарлора:
„Сайн аьрзнаш дицдийр ду ас,
сайн юьхь самукъане хилийта“.
28Амма со керлачу вонех кхоьру, хІунда аьлча
суна хаьа Ахьа бехк суна тІе буьллур буйла.
29Со юха а бехке узур хилча,
стенна хьега деза аса эрна къа?
30Лайн хица юьхь аса йилича а,
сайн куьйгаш аса цІенна сабанца цІандича а,
31Ахьа со тІаккха а модашна юккъе вуллур вара.
Сан бедаршна а со дегаза хетар вара.
32Веза Эла со санна долу адам ма дац.
Цундела сан аьтто бац Цунна жоп дала а,
со Цуьнца цхьаьна кхеле ваха а.
33Тхуна юкъахь юкъалеларг велахьара[5],
шен куьйгаш тхуна тІедахка.
34Шен гІаж суна тІера Цо дІайоккхийла,
со Шен къематаца Цо кхера ма войла.
35ТІаккха со Цунах ца кхоьруш вист хир вара,
хІунда аьлча хІинца со сайна чохь кхиниг ву».

 

 

Аюба кхидІа а элира:

10

 

1«Сан синна сан дахар къахьделла.
Сайна чохь сецор бац аса сайн латкъамаш.
Ас буьйцур бу сайн даг чохь болу бала.
2Аса эр ду Деле: „Ма ехьа суна кхел.
Дийцахьа суна, стенна тІехь со бехкево Ахь?
3Хьуна тамехь ду те суна гІело яр а,
Хьайн куьйгаша виначух кхардар а,
ткъа Іесачийн ойланех Хьо воьлуш хилар а?
4Адаман ши бІаьрг бу те Хьан,
я адамна санна са го те Хьуна?
5Тхан дахар санна доца ду те Хьан дахар?
Адаман санна ду те Хьан шераш?
6Цу бахьаница ас къа латийна хилар Хьо лоьхуш ву те?
Цундела ас зулам динийла Хьо леррина толлуш ву те?
7Со бехк боцуш вуйла Хьайна хуъушехь,
Ахь со дІа ца хоьцу,
со Хьан куьйга кІелхьара ваккха стаг а вац.

 

8Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со,
кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со?
9Дагадаийтахьа, Айхьа со поппарх вина, нисвина хилар.
ХІинца юха а сох чан ян воллу те Хьо?
10Ахьа со, шура санна, охьавоьттира,
ткъа юха, кІалд санна, вукъвира Ахьа со.
11Дилха а, чкъор а диллира Ахьа суна тІе,
даьІахкашца, пхенашца вовшахтесира Ахьа со.
12Ахьа суна дахар делира,
хедар боцу безам а белира,
гІайгІа барца сан са а лардеш.
13ХІара хилла-кх къайлаха Хьан даг чохь дерг,
суна хаьа, иза Хьан даг чохь хиллий.
14Аса къа латийча, Ахь цуьнан тидам бийр бара,
аса латийнарг таІзар доцуш дуьтур а дацара.
15Со бехке велахь – декъаза хуьлийла со!
Со бехке вацахь а, со корта хьалаайа а ваьхьар вац.
Эхь хетарх вуьзна ву со,
балано со вахийна.
16Со жимма хьалатаьІІашехь,
лом санна, тІаьхьаволу Хьо суна,
Хьайн тамашийна ницкъ
юха а суна дуьхьалбоккхуш.
17Ахьа суна дуьхьал керла тешаш боху,
Хьайн оьгІазалла чІагІ а еш.
Юх-юха а керла тобанаш суна дуьхьалйовлуш ю.

 

18ХІунда ваьккхина Ахьа со сайн ненан кийрара схьа?
Цхьана а стеган бІаьрг кхетале со велла велара!
19Со цкъа а хилла а ца хиллехьара!
Ненан кийрара схьаволлушехь,
коша чу виллина со хиллехьара!
20Сан дахаран денойх кІезиг бен дисна дац те?
ДІаверзахьа соьгахьара, жимма со воккхавейта,
21юхавоьрзур воцучу меттиге со дІакхалхале –
бода а, Іожаллин ІиндагІ а долчу махка,
22Іаьржа бода лаьттачу а, низам ца хуьлучу а махка,
серло а боданах тера йолчу махка“».

 

 

Цупара Аюбаца къамел до

 

11

 

1ТІаккха наІматхо волу Цупар Аюбе вистхилира:
2«Дуккха а дийцинчу дешнашна дуьхьал дала жоп дац те?
Дукха къамелаш деш верг бакъ ву ткъа?
3Хьан даьссачу къамелаша тхо дист ца хуьлуш сацор ду моьтту хьуна?
Кхаьрдаш волу хьо цхьаммо а юьхьІаьржачу хІоттор вац моьтту хьуна?
4Ахьа Деле боху: „Сайн хьехамехь со бакъ ву,
Хьан бІаьргашна хьалха со цІена ву“.
5Суна луур дара, Аюб, Дела хьоьга вистхила,
хьуна дуьхьал Цо Шен бага схьаелла.
6Шен хьекъалаллин къайленаш
Дала хьуна йовзуьйтур елахьара,
бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агІо хилла ца Іарна.
Суна луур дара хьуна хаийта, Далла
хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар.

 

7Делан кІоргачу къайленашка хьо билггал кхачало те?
Нуьцкъалчу Делан бухбоцучу бакъдолчух хьан кхета ницкъ кхочий те?
8Иза стигалел лекха ду –
муьлха адам цига кхачалур ду?
Иза эхартал кІорга ду –
муьлхачу стагана иза хаалур ду?
9Цуьнан барам лаьттал беха бу,
иштта иза хІордал шуьйра бу.
10Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина,
иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву?
11Цунна харцонаш лелориг вевза.
Нагахь санна Цунна зулам гахь,
Цо иза дагахь латтор дац?
12Хьекъал доцург хьекъале верзийча,
виркхело йинчу вирах адам хир дара.

 

13Хьан дог чІогІа Далла тІетевжаш хила деза,
Цуьнга дІакховдо деза ахьа хьайн ши куьг а.
14Хьайн куьйгашна тІе вониг латийнехь,
хьайгара генна дІакхосса деза ахьа,
ткъа хьайн четар чохь зулам а ма Іайта.
15ТІаккха хьанна а нийса бІаьргаш чу хьажалур ву хьо,
цхьаннах а ийза ца луш лелар ву хьо, цхьаннах а кхоьрур а вац хьо.
16ТІаккха хьайн гІайгІа билггал бицбийр бу ахьа,
дІадахана хи санна бен, иза дага ца лоцуш.
17Хьан дахар делкъенан малхал къегар дара,
боданах Іуьйренан серло хир яра.
18Хьайн сатуьйсийла йолу дела, хьо маьрша хир вара.
Дала лар а веш, хьо кхерамбоцуш наб кхеташ хир вара.
19Цхьаммо а кхера а ца веш, хьо дІавуьжур вара,
дукхахберш хьуна хьалха хьесталуш а хир бара.
20Іесачеран бІаьргашна са кІезиг гур ду,
шаьш кІелхьарбовла церан йиш хир яц.
ТІаьххьара а, садалар бен, церан сатуьйсийла хир яц».

 

 

Аюба Цупарна жоп ло

 

12

 

1ТІаккха Аюба, жоп а луш, элира:
2«Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша?
Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду!
3Ткъа сан а ма ду хьекъал, шун санна.
Ткъа со а ма вац шул оьшуш –
иза хьанна ца хаьа?
4Деле кхойкхуш, Цо жоп луш хилла волчу,
сох белам хилла сан доттагІашна.
Нийса а, кхачаме а волчу сох кхардам хилла.
5Синтем болчунна моьтту
бохамах кхарда веза.
Ког тасабелларг чутоттуш ву.
6ПаргІат ду талорхойн хІусамашкахь,
Дела оьгІазвохуьйтурш а синтеме Іаш бу,
цара Дела шайн карахь лелош волуш санна.

 

7ТІаккха хатта акхарошка – цара хьоьхур ду хьуна,
стигаларчу олхазарша дуьйцур ду хьуна.
8Лаьттаца къамел де – цо хьоьхур ду хьуна,
хІорда чуьрачу чІерашка а дийцийта хьайга.
9Царах массарах а хьанна ца хаьа,
Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла?
10Цуьнан карахь ду хьуна
массо а дийначу хІуманийн синош а,
иштта массо а адамийн синош а.
11Маттана юучун чам хааре терра,
лергана а ца девза ткъа дешнаш

 

12Къеначаьргахь хьекъалалла карор ду хьуна,
дукха ваьхнарг кхетам болуш ма хуьлу.
13Делехь ду хьекъалалла а, ницкъ а,
иштта Цуьнгахь бу хьехам а, кхетам а.
14Цо дохийнарг юхаметтахІотталур дац,
Цо чувоьллинарг паргІатвер вац.
15Цо догІа сацадахь, массо а хІума якъалур ю,
Цо хиш схьахецахь, цара дерриг а латта хІаллакдо.

 

16Цуьнгахь ницкъ а бу, говзалла а ю,
Цуьнан карахь ву Іехориг а, Іехийнарг а.
17Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо,
кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту.
18Паччахьашна тІера хаза духарш дІа а дохий,
лейн бедарш царна тІеюхуьйту Цо.
19Динан дай Цо даржах эшабо,
чІагІбина куьйгалхой херцабо,
уьш тоххара дуьйна белахь а.
20Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо,
къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
21Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо,
ницкъ болчаьргара ницкъ а дІабоккху.
22Боданехь хьулдинарг а Цо гучудоккху,
Цо Іожаллин бода а серлонга боккху.
23Цо халкъаш доьбуьйту, уьш хІаллак а до.
Къаьмнаш нуьцкъала а до, юха уьш дІа а дуьгу.
24Дуьненан мехкийн куьйгалхошкара хьекъал дІа а оьций,
уьш некъаш доцучу аренгахула буьйлабелла лоьлуьйту Цо.
25Куьйган уьшаршца боданехь лела уьш,
бехна нах санна, уьш тоьхкуьйту Цо».

 

 

13

 

1Аюба элира:
«И дерриг а сан бІаьргашна гина ду,
суна иза хезна ду, со цу хІуманах кхета.
2Шуна хууш дерг суна а хаьа.
Со а ма вац шул оьшуш.
3Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна,
Далла хьалха сайн гІуллакх лардан лаьа!
4Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до,
шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду.
5ЭхІ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дІасевцича,
иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.

 

6ЛадогІийша гІуллакх лардан ас бохучуьнга,
сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.
7Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша?
Цунна гІоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?
8Цуьнга озабезам бан лаьий шуна?
Делан гІуллакх лардан гІерта шу?
9Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй?
Я Иза, адам санна, левийр ву аша?
10Цо луьра таІзар дийр ду шуна,
аша къайлаха озабезам лелабахь.
11Цуьнан возалло шу кхера ца до те?
Цунна хьалха шуна тІе кхерам ца буссу те?
12Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду.
Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.
13ДІа а совций, со вистхилийта,
тІаккха кхунах луъург хилахьара.

 

14Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хІунда хІоттор дара?
Сайн са ас куьйга тІе хІунда дуьллур дара?
15Цо со билггал вийна дІавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву[6].
Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.
16Цу тІехь хир ду сан кІелхьарвалар, хІунда аьлча
Делах тешаш воцург Цунна хьалхахІотта ваьхьар вац.
17Дикка ладогІийша аса бохучуьнга,
сан кхеторан дешнийн тидам бейша.
18Аса сайн гІуллакх кхетачу къепехь кечдина.
Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.

 

19Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг?
Со дІатуьйр а вара, вала реза а вара.
20Ши хІума ма дахьара Ахьа суна тІехь,
тІаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:
21суна тІера Хьайн куьг а дІадаккхахьара Ахьа,
Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.

 

22ТІаккха дІакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна,
я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.
23Мел ду сан къа а, сан зулам а?
Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!

 

24ХІунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь,
хІунда лору Ахь со Хьайн мостагІа?
25ДІасалела гІа санна волу со кхераво те Ахь?
Декъа ча санна волчу суна тІаьхьалела те Хьо?

 

26Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг,
жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.
27Ахьа сан когашна буржалш тоьхна,
ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу,
ас юьту лараш тергалйо Ахьа.
28Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а,
нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».

 

 

Аюба элира:

14

 

1«Зудчо вина волчу стеган дахар
доца ду, иза баланех вуьзна а ву.
2Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза.
ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш.
3Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг!
Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?
4Боьхачунах цІенаниг схьавер вуй?
Вер вац.
5Адаман дахаран денош дагардина ду.
Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш,
царал тІехвала цуьнан йиш а яц.
6Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза,
цуьнан денош, тІелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.

 

7Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю:
схьахадийча а, иза денлур ду,
иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.
8Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а,
цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,
9цхьажимма цунна хи тосалушшехь,
керлачу орамато санна, зІийдагаш дІахоьцу цо.
10Амма адам делча, иза телхий, дІадолу.
ТІаьхьара са дІа а долий, адам кхин ца хуьлу.

 

11Іам чуьра хи къайладалар санна а,
хи дІа а дахана, Іовраш якъалуш хилар санна а,
12иштта стаг дІа а вуьжу, кхин хьала а ца гІотту.
Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац,
шен даларан набарх сама а доккхур дац.

 

13Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо.
ОьгІазвахар дІадаллалц со хьулвеш велара Хьо.
Цигахь Іен хан суна билгал а яьккхина,
цул тІаьхьа со дагавогІуш велара Хьуна.
14Веллачул тІаьхьа вехар вуй те стаг?
Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь
со паргІатваккхаре хьоьжуш Іийр вара со.
15Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара,
Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.
16Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара,
амма сан къинош Хьуна дагадогІур дацара.
17Соьгара даьлла зулам Ахьа тІоьрмаг чу дІадуьллур дара,
айса летийна къинош Ахь дІахьулдийр дара.

 

18Охьабужу лам боьхна дІабалар санна а,
тарх шен меттера меттахъялар санна а,
19хино тІулгаш жимдар санна а,
хин Іовраша латта дІадахьар санна а,
йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.
20Стагана тІехь Ахь кхоччуш толам боккху, тІаккха иза дІакхелха.
Іожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дІа а хьажаво.
21Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа,
церан сий дайча а, цунна ца го.
22Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегІо,
шен гІайгІа еш бен дац цуьнан са».

 

Къамелийн шолгІа дакъа

 

(15:1 – 21:34)

 

Элипаз

 

15

 

1Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана:
2«Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те?
Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те?
3Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те?
Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те?
4Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо,
адамо Деле доІа дарна ахь дуьхьало а йо.
5Хьо къилахь хиларо Іамайо хьан бага.
Хьайн лаамца хІилланчийн мотт буьйцу ахь.
6Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю,
хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до.

 

7Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна,
я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна?
8Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгІирий те ахь?
Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те?
9Тхуна ца хуург хІун ду хьуна хууш?
Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо?
10Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу,
ткъа уьш хьан дел а баккхий бу.

 

11Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш,
хьайца кІеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа?
12Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах?
Стенна бу те хьан бІаьргаш, ткъес санна, къегаш?
13Хьайн са Далла дуьхьал хІунда доккху те ахьа,
хІунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш?

 

14Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта?
Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?
15Дела Шен дезачу маликех а ца теша,
Цунна хьалха стигалш а цІена яц.
16Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду,
хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?

 

17Соьга ладогІа, тІаккха ас иза туьдур ду.
Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду.
18Хьекъалалла долчара дийцинчух а,
цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш,
дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.
19Вайн дайшна бен дІаделла ца хилла латта,
хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла,
цундела дайшкара дерг цІена а, нийса а ду.

 

20Ша мел вехачу деношкахь Іесаниг баланехь хьийза.
Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду.
21Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш.
Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тІелета.
22Боданах кІелхьарваларе цо са ца туьйсу,
даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду.
23Иза дІасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий[7],
цунна хууш ду боданан де тІекхаьчнийла.
24Саготтоно а, синІаткъамо а иза Іадийна латтаво,
тІамца вогІу паччахь санна, тІегІерта уьш цунна.

 

25И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду,
Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду.
26Курра дуьхьалволура иза Цунна,
ша ларвархьама деза турс а даьккхина,
27иза шех тоам бина волу дела а,
дозаллина севсина волу дела а.

 

28Иза йохийначу гІаланашкахь вехаш ву,
адамаш чохь даха ца дезачу,
охьаэга кийча долчу цІенош чохь.
29Иза дукха ханна хьал долуш хир вац,
цуьнан бахам а буьсур бац,
лаьтта тІехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац.
30Иза боданах кІелхьарвалалур вац.
ЦІеран алуно патарш дакъош долу
дитт санна, хир ву иза,
ткъа Делан Іаьнаро иза дІавоккхур ву.
31Эрна долчух тешна Іаш ма хуьлийла иза,
цунах ша Іеха ма войла цо,
хІунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю.
32Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла,
цкъа а сенделла дІагІур доцу га санна, хир ву.
33Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза,
я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву.
34Іесачийн тобанарчун тІаьхье хир яц, ткъа
кхаьънех доьгІна цІенош цІаро дагор ду.
35Шайн даг чохь вониг а кхуллу,
цара зулам дІа а хІоттадо.
Іесачеран кийрано мекарло йоккху».

 

 

Аюб

 

16

 

1Аюба цунна дуьхьал жоп делира:
2«И саннарг суна дуккха а хезна,
шун догъэцаро вон бен ца дахьа.
3Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе?
Иштта хабар деш хьо иракарахІоттош дерг хІун ду?
4Аса а дуьйцур дара хІинца аша санна,
шу сан метта хилча,
соьга а далур дара хаза къамелаш,
кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.
5Аса а сайн маттаца шу чІагІдийр дара,
сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.

 

6Со вистхилча а, сан бала дІа ца болу,
вист а ца хуьлуш со Іийча а, иза лах ца ло.
7Дала сан тІаьххьара гІора дІадаьккхина.
Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.
8Цо со схьа-ма-лаьцна,
ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду.
Сан гІора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла,
сох бехкаш а дохуш.

 

9Делан оьгІазлоно со цоьсту,
Шен цергаш суна хьекха а еш,
Цо соьца мостагІалла леладо.
Сан МостагІчо Шен ира хьажар суна тІедерзадо.
10Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гІаттийна,
дов дарца сан беснеш тІе етта цара,
уьш массо а суна дуьхьалбовлу.
11Дала со вочу адамийн кара дІавелла,
Іесачеран буьйна со дІа а кхоьссина.
12Со синтеме Іаш вара, амма со кагвира Цо.
Вортанна тІера схьа а лаьцна, со войра Цо.
Со Шен гІакх санна вина дІахІоттийра Цо.
13Цуьнан пхерчий массо а маьІІера схьадетталуш ду,
Цо сан жаннех къа ца хеташ Іуьтту,
сан стим а лаьтта тІе охьаІанийна.
14Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза.
ТІемало санна, суна тІеуьду Иза.

 

15Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна,
гІора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.
16Велхарна сан юьхь цІийелла,
сан бІаьргаш тІехь Іожаллин ІиндагІ ду.
17Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а
ницкъ ца бина, сан доІа цІена ду.

 

18Латта! Ма даккхахьа сан цІий къайла!
Ас хьоькху мохь къайлаха дІахьулбина ма хуьлийла!
19Делахь а, стигалахь сан Теш ву,
лакхахь ву суна ТІехІуттуш верг а!
20Сан юкъалеларг суна доттагІа хилла дІахІоьттина,
Деле а хьоьжуш, ас бІаьрхиш Іенадечу хенахь.
21Стеган дуьхьа цо Деле доьху,
адамо шен доттагІчун дуьхьа ма-деххара.
22Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду,
юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».

 

 

Аюба кхидІа а элира:

17

 

1«Сан дог доьхна лаьтта,
чекхдовлуш ду сан денош,
со кошан йистехь лаьтташ ву.
2Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта,
сан бІаьргаш церан мостагІалла ган дезаш бу.
3Дала дезарг дІалохьа, Дела, со дІахецархьама!
Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?
4Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна,
цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.
5Са яккхархьама стага шен доттагІий емалбахь,
оцу адаман берийн бІаьргаш кхулур ду.
6Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо,
юьхь тІе шеташ етташ волу стаг ву со.
7Сан бІаьргаш балано талхийна,
сан дегІ ІиндагІ санна ду.
8Бакъахьа леларш оцунах эргІадбуьйлу,
бехк боцурш Іесачунна карзахбуьйлу.
9Делан лаамехь верг шен новкъа тІера вер вац,
ткъа куьйгаш цІена дерш чІагІлуш дІахІуьттур бу.
10Ткъа шу – кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила!
Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.

 

11Сан денош чекхдевлла,
ас йина ойланаш йоьхна,
сан деган сатуьйсийла дІаяьлла.
12Цу наха буьйсанах де ду олу,
суна хьалха бода лаьтташехь,
серло тІекхочуш ю олу.
13Ас сатуьйсуш долу цІа эхарт бен ца хилча,
цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,
14бух боцучу Іинах, сан да аьлла, цІе яьккхича,
кошан нІаьнех сан нана я йиша ас аьлча,
15тІаккха мичахь ю сан сатуьйсийла?
Сан догдохийла хьанна гур ду тІаккха?
16Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне,
соьца цхьаьна Іожаллин чене юьжур юй те?»

 

 

Билдад

 

18

 

1Иштта жоп делира шуахьахо волчу Билдада:
2«Маца совцур ду те шу и къамелаш дечуьра?
Ойла ейша, тІаккха дийр ду вай къамел.
3ХІунда лору тхо бежанаш санна?
Шун бІаьргашна хьалха тхо кхетам боцуш ду хІунда моьтту?
4Хьо оьгІазвахханчохь хьайн са доу ахьа.
Хьо бахьана долуш дуьне дассо деза ткъа,
я тарх шен меттера дІахилийта еза ткъа?

 

5Іесачун серло а кхулур ю,
цуьнан цІеран алу а лепар яц.
6Цуьнан четар чохь серлонах бода хир бу,
цунна тІехула болу къуьда дІабовр бу.
7Цуьнан чІогІа болар а лахлур ду,
шен ойланаша иза вужуьйтур ву.
8Цуьнан когаша иза бойнна тІе вуьгуш ву,
бойнан машшаш тІехула иза воьдуш ву.
9Цуьнан кІажа гуро дІалоцуш бу,
кІелоно иза схьахоьцуш а вац.
10Къайлаха речІанаш цунна лаьттахь йоьгІна ю,
цуьнан некъаш тІе доьгІна гураш а ду.

 

11Массо а агІор цунна тІегІерташ кхерамаш бу,
иза цхьана меттера вукху метте вуьйлуьйтуш.
12Мацалло цуьнан ницкъ дІакхоллу.
Бохам цунна уллохь кийчча лаьтта.
13Цамгаро цуьнан чкъор дІакхоллуш ду,
къизачу Іожалло дегІан меженаш юуш ю.
14Шен хІусаман паргІатонера схьа а ваьккхина,
къематийн паччахь волчу вуьгур ву иза.
15Цуьнан метта четар чохь кхин стаг Іийр ву,
цуьнан хІусамна тІе тесна саьмгал хир ду.
16Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду,
лакха тІера цуьнан гаьннаш а маргІалдулур ду.
17Дуьнен чохь иза дагавойтуш мел долу хІума йойур ю,
урамашкахь цуьнан цІе кхин яьккхина хир яц.
18Серлонгара бодане иза дІалоллур ву,
кху дуьнен чуьра иза дІавоккхур ву.
19Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тІаьхье хир яц цуьнан,
иза Іийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац.
20Малхбузера берш цуьнан кхолламах инзарбевр бу,
малхбалера берш цунна хиллачух Іадийна лаьттар бу.
21Баккъалла а, иштта хир ю вочун хІусам,
Дела къобал ца винчун цІа иштта хир ду».

 

 

Аюба жоп ло

 

19

 

1ТІаккха Аюба жоп делира:
2«Мел хьийзор ву аша со,
шайн дешнашца со хьоьшуш?
3Хьалха а уьттазза юьхь яьхна аша сан,
шаьш са готта хьовзорах оза а ца луш.
4Нагахь ас къа латийнехь а,
сан гІалат соьца дуьсур ду.
5Нагахь санна со сийсазвина хилар суна тІех а детташ,
суна хьалха шу лакхадовла гІертахь,
6хаалаш: со охьатаІийнарг Дела ву шуна,
Шен гураш суна гонах дІа а хІиттийна.
7Ас мохь бетта: „Со вуьйш ву!“ – бохуш,
амма суна жоп луш цхьа а вац,
ас орца доху, амма суна нийсо ца йо.
8Суна хьалхара некъ Цо дІалаьцна,
цундела со дІа ца вахало,
сан некъаш тІе Цо бода хІоттийна.
9Соьга хилла болу ларам Цо дІабаьккхина,
сан коьртара таж а дІадаьккхина.
10Массо а агІонгара тІеетта Цо суна, со леш ву!
Сан сатуьйсийла дІаяьккхина, орамашца схьадаьккхина дитт санна.
11Иза суна дуьхьал оьгІазаллех вуьзна ву,
Цо со Шен мостагІа санна лору.
12Цуьнан ардангаш суна тІегІерта,
шайна некъ а боккхуш,
цара сан четарна го бина.

 

13Сан гергарнаш суна уллора Цо дІабаьхна,
со вевзарш а сох къехка.
14Сан тайпанах берш суна уллора дІабевлла,
со вевзаш хиллачара со вицвина.
15Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета,
царна гергахь со хийра стаг ву.
16Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло,
цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со.
17Сан зуда сан Іаьнах къехка,
сан берашна а со боьха хета.
18Божаберашна а со сийсаза хета,
со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало.
19Сан доттагІашна а со боьха хета,
суна безнарш а суна дуьхьалбевлла.
20Сох, чкъор а, даьІахкаш а бен, хІумма а ца дисина,
валлал бен суна чохь са а дац.
21Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох,
сан доттагІий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду!
22ХІунда лела шу суна тІаьхьадевлла, Дела ма-леллара?
ХІунда лела шу суна кхин а мотт бетташ?

 

23Сан дешнаш дІаяздина делахьара!
Уьш тептар тІехь дІаяздина делахьара!
24Аьчка къоламца дошана тІехула я
массо а ханна тІулга тІехь уьш хьаькхна делахьара!

 

25Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а,
Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а.
26Цамгарша сан чкъор дІакхаьллинехь а,
сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву.
27Суна сайна гур ву Иза.
Сан бІаьргашна гур ву,
тІаккха Иза суна хийра хир вац.
Со хьаьгна ву иза хилийта!
28Аша иштта аьллехь: „Цунна тІаьхьа муха довла деза вай,
баланийн бахьанаш цунна чохь карош хилча?“,
29кхералаш туьрах, хІунда аьлча
дералло туьре бекхам бойту.
ТІаккха хуур ду шуна кхел юйла».

 

Цупар

 

20

 

1Иштта жоп делира наІматхо волчу Цупара:
2«Сан ойланаша соьга жоп долуьйту,
цундела вистхила сихвелла со.
3Со сийсазвоккхуш тІехбеттамаш суна хезаш хилча,
сан кхетамо со иракарахІоттаво царна жоп дала.

 

4Хьуна хууш дац, тоххара дуьйна схьа,
лаьтта тІехь адам кхоьллинчу хенахь дуьйна,
5харцволчун синкъерам кІеззигчу ханна буйла,
Іесачун самукъадалар йоццачу ханна бен доцийла а?
6Цуьнан куралла стигала кхаччалц лакхаяьлча а,
цуьнан корта мархех хьекхалуш хилча а,
7иза шен боьхалла санна, массо а ханна дІавер ву,
ткъа иза хьалха гина болчара: „Мичахь ву иза?“ – бохуш, хоьттур ду.
8ГІан санна, карор воцучу тайпана къайлавер ву иза,
буьйсанан сурт санна, гучуьра дІавоккхур ву иза.
9Иза гина болчу бІаьргашна кхин гур вац и,
ваьхначу меттигашна а кхин гур вац иза.
10Цуьнан кІентий сагІадоьхучарна хьалха а хьесталуш лелар бу,
цо гулдина хьал цара юхадала дезаш ду.
11Цуьнан дегІ дузийна хилла къоналлин ницкъ
цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу.

 

12Вон цуьнан багахь мерза делахь а,
цо маттана бухахь иза дІалачкъадахь а,
13иза лардеш, охьа а ца кхуссуш, шен багахь,
стигална буьххьехь латтадо цо.
14И санна кхача гай чохь муьста хир бу,
цуьнан кийрахь лаьхьанан дІовш хилла дІахІуттур бу.
15Цо дІакхаьллина болу дуьненан бахам схьаІеттор бу,
Дала цуьнга иза цуьнан кийрара схьатосуьйтур бу.
16Цо цІубдеш дерг лаьхьанан дІовш ду,
лаьхьанан матто иза вуьйр ву.
17Цо зовкх хьоьгур дац татолех а,
мазах а, кІалдах а дуьзна долчу хих а.
18Къахьегарца ша гулдинарг, дІа а ца кхоллуш, юхадала деза цо,
йохкаэцарх ша яьккхинчу санах цо зовкх хьоьгур дац,
19хІунда аьлча цо нах бацийна, ца вешаш,
ша дина доцу церан цІенош схьа а даьхна.
20Цуьнан сутаралла бух боцуш яра,
цуьнан лаамийн доза а дацара.
21Цхьа а хІума цо дІакхаллаза дисна дац,
цундела цуьнан беркат дукха лаьттар дац.
22Шен совбаьллачу бахамна юкъахь цунна готта хир ду,
цуьнан синан бала массо а ницкъаца цунна тІе охьабужур бу.
23Шен тІингар цо эккха йоллуш юзош хилча,
Делан оьгІазалла юссур ю цунна тІе,
догІа санна, цунна тІе таІзарш а доуьйтур ду.
24Шаьлтанах кІелхьарвалар цуьнан хилахь а,
цІестан секхаІодан пха цунах кхетар бу.
25И пха схьабаккха иза хІоттахь,
цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь,
эццахь евзар ю цунна Іожаллин инзаралла!
26Іаьржа бода бу иза ларвеш цуьнга хьоьжуш.
Цхьаммо а серлайоккхуш йоцучу цІаро дІакхоллур ву иза,
цуьнан четар чохь мел хилла долу хІума а хІаллакьхир ду.
27Стигало цуьнан харц хилар дІадоьллур ду,
латта а цунна дуьхьалдер ду.
28Цуьнан цІера цо мел гулдинарг дІадер ду,
хи санна, дІагІур ду Делан оьгІазаллин дийнахь.

 

29Иштта хир ду Іесачун Делера долу дакъа,
иштта Делера кхел а хир ю цунна».

 

 

Аюб

 

21

 

1Аюба цунна жоп делира:
2«Дикка ладогІалаш ас бохучуьнга,
цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.
3Ас къамел дечу юкъана сатохалаш,
со аьлла ваьллачул тІаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.

 

4Со адамна арз деш ву? Вац!
Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.
5Соьга схьа а хьовсий, инзардовла,
шайн бета тІе куьг а дилла.
6Цунах ас ойла йича, къемато дІалоцу со,
сан дегІ а дего долало.

 

7Іесанаш дукха хІунда беха,
къеналле а кхочуш,
хьолехь сов а бохуш?
8Церан бераш царна хьалха дІахІиттина хуьлу,
церан тІаьхье церан бІаьргаш хьалха хьалакхуьу.
9Церан цІенош чохь кхерам ца лаьтта,
Делан гІаж а яц царна тІехь тІеайина.
10Церан бугІанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу,
ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.
11Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кІентий,
церан кегий бераш дІасалелхаш ловзу.
12ЖиргІанаш а етташ,
дечиг-пондарш а лоькхуш,
эшарш лоькху цара,
зурманан гІовгІанехь са а къоьру.
13Церан шераш беркатехь дІаоьху,
тІаккха паргІатонехь эхарте кхочу.

 

14Цара Деле боху: „Дита тхо,
Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!
15Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Іамал ян?
ХІун пайда болу доІанца Цунна тІе верзарх?“
16Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац.
Иштта Іесачеран хьехамаш тІеэцар генахь ду суна!

 

17Кест-кеста бойий те Іесачийн чиркх?
Кест-кеста вонаш догІий те цаьрга?
Ша оьгІазваханчу хенахь кест-кеста
Дала баланаш хьовзабой те царна тІе?
18Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш,
я йилбазмохо дІахьош йолу кегаш санна бу те?

 

19Бохуш ду: „Адамна догІу таІзар Дала цуьнан берашна кхоадо“.
Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таІзар, иза кхетийта!
20Цуьнан бІаьргашна гойла шен хІаллакьхилар,
цо ша молийла Ницкъболчун оьгІазалла!
21Иза веллачул тІаьхьа цуьнан хІун бала бу шен доьзалан,
цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?
22Далла хьехамаш бойла дуй те,
Цо лаккхахь Іаш болчарна а кхел еш хилча?

 

23Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле,
цхьана а хІуманан бала а, гІайгІа а йоцуш.
24Цуьнан кийра махьарех буьзна бу,
цуьнан даьІахкаш тІамарах юьзна ю.
25Ткъа важа шен дог доьхначохь ле,
цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.
26Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу,
нІаьнаша цхьабосса къайла а воккху.

 

27Суна шун ойланаш а, хІилланаш а девза,
аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.
28Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цІа?
Мичахь ду Іесанаш чохь Іийна четар а?“
29Некъахошка хаттарш ца дина те аша?
Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?
30Бала тІебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу,
Делан оьгІазаллин дийнахь иза кІелхьарвоккху.
31Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду?
Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?
32Иза Іожаллин новкъа ваьккхинчул тІаьхьа,
цуьнан кошана улло гІарол хІоттадо.
33ТогІи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу.
Массо а стаг цунна тІаьхьахІоьттина вогІу,
цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.

 

34Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара?
Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»

 

Къамелийн кхоалгІа дакъа

 

(22:1 – 27:23)

 

Элипаз

 

22

 

1Теманхо волчу Элипаза, жоп а луш, элира:
2«Далла хІун пайда бу адамах?
Ур-атталла хьекъал долчух хІун пайда бу Цунна?
3ХІун синкъерам бу Нуьцкъалчунна хьо бакъ хиларх?
ХІун пайда хир бара Цунна хьан некъаш цІена хиларх?
4Цунна хьалха хьо ларамах вуьзна хилар дуй те
хьуна Іиттарш еш а, хьо кхеле вуьгуш а Иза лелар?
5Бакъду, хьан вонаш дукха ду,
хьан къинош доза доцуш ду.
6Бахьана доцуш вежаршкара закъалташ ийдина ахьа,
царна тІера бедарш а яьхна, уьш беркъа а бохуш.
7ГІелвеллачунна мала хи а ца лора ахьа,
мацвеллачуьнга бепиг а ца кховдадора.
8Ницкъ болчуьнга ахьа латта схьалоцуьйтура,
цІеяхана верг цигахь ваха а хоуьйтура.
9Бисина Іаш болу зударий даьссачу куьйгашца ахьа дІабохуьйтура,
ахьа байшкахь болу ницкъ а хІаллакбора.
10Цундела ду хьуна гонах хІиттийна гураш,
цундела хьо цІеххьана къемато Іадийна ву.
11Цундела хьуна хІумма а ца галлал бода тІебеана,
цундела хи тІедаларо хьо къайлавоккхуш ву.

 

12Дела лекхачу стигалшкахь Іаш вац ткъа?
Хьалахьажал седарчашка, мел лекха ду уьш!
13Ткъа ахьа боху: „ХІун хаьа Далла?
Цуьнга адамна кхел ялур юй те юькъачу мархашна юкъара схьа?“
14Мархаша хІума ган Цунна новкъарло йо,
Иза стигалан Іаьршашкахула лелачу хенахь.

 

15Ткъа гІур вуй те хьо кхидІа а ширачу а,
зуламхоша баьккхинчу а новкъа?
16Уьш шайн хан а кхачале хІаллакьхилла,
ткъа церан цІенош хино дІадаьхьна.
17Цара Деле баьхна: „ДІавала тхуна уллора!
ХІун дийр ду тхуна Ницкъболчо?“
18Ткъа Цо церан цІенош хьолах хьаладузура.
Амма ас церан хьехамаш тІеоьцур бац!
19Амма бакъахьа леларг, цаьрга а хьоьжуш,
церан дакъазадийлар а гуш, сакъералуш хир ву,
цІена верг царах воьлуш а хир ву:
20„ХІаллакьхилла тхан мостагІий,
ткъа царах диснарг цІаро хІаллакдина“.

 

21Делаца тайна хилахьа а,
Цуьнца барт болуш вахахьа.
Иштта хиларца хьуна тІе дика догІур ду.
22Цуьнгара схьаболу хьехам дІаэца,
Цуьнан дош хьайн даг чу дІадилла.
23Нуьцкъалчунна тІе верзахь, хьо юхаметтахІоттийна хир ву.
Нагахь санна хьайн хІусамера къинош ахь дІалахкахь,
24нагахь хьайн деши ахь ченашка дІакхоссахь,
Апаран деши – Іаннийн тІулгашка,
25тІаккха Нуьцкъала Дела хьан деши хилла дІахІуттур ву,
Иза иштта къегаш долу дети санна хьуна хир ву.
26ТІаккха хьо Нуьцкъалчунах воккхавер ву,
хьайн юьхь Далла дуьхьал а ерзор ю ахьа.
27Ахьа доІа дича, Цунна дІахезар ду,
тІаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ.
28Ахьа дагалаьцнарг дерриг а кхочушхир ду,
хьан некъаш тІехь серло хир ю лепаш.
29Адамаш охьатаІийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“,
ткъа корта охьабахийтинарг Дала кІелхьарвоккхур ву.
30Бехк берг а Дала кІелхьарвоккхур ву,
цуьнан кІелхьарвалар хьан цІена куьйгаш бахьана долуш хир ду».

 

 

Аюб

 

23

 

1Аюба, жоп а луш, элира:
2«Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш,
куьйгаца сайн узарш ас Іаткъадахь а.
3Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а,
Цуьнан хІусам йолчу со дІавогІуш велахьара а,
4аса дІадуьйцур дара Цуьнга сайн гІуллакх,
сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.
5Цо сайга хІун олу а хуур дара суна,
Цо сайга бохучух а кхетар вара со.
6Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза?
Вацара! Цо Шен тидам суна тІебохуьйтур бара.
7ТІаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара,
ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргІато хир яра.
8Со малхбузехьа дІавоьду – цигахь Иза вац,
малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво.
9Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бІаьрг а ца кхета,
къилбехьа Иза дІавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.
10Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу.
Цо со зийча, деши санна, цІена хилла дІахІуттур ву со.
11Цуьнан лар лохуш, леррина вогІу со.
Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.
12Цуьнан багара девллачу весеташ тІера со ца ваьлла,
Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.

 

13Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта?
Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.
14Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду,
ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дІадиллина.
15Цундела ву со Цунна хьалха Іадийна,
айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со.
16Дала кІаддина сан дог,
Нуьцкъалчо со кхерийна.
17Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а,
сан юьхь Іаьржачу бодано дІахьулйинехь а».

 

 

Аюба кхидІа а элира:

24

 

1«ХІунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал?
ХІунда ца го и денош Иза вевзачарна?
2Адамаша доза къастош диллина тІулгаш дІасадоху,
цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.
3Байлахь бисинчеран варраш дІаюьгу,
йисина Іачун сту закъалтана дІабуьгу.
4Цара къен верг шайн некъа тІера дІатотту,
махкахь гІело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.
5Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш,
шайн болх кхочушбан арабовлу уьш.
Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.
6Цара нехан кхаш тІехь шайна докъар гулдо,
хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.
7ТІехь хІума доцуш дІабуьйшу уьш,
шийлачу заманахь тІеюха хІума а яц церан.
8Ламанан догІанаша уьш башабо,
уьш тархех дІахьерча,
дІалечкъийла шайн ца хиларна.

 

9Бобераш декхачуьра доху,
къечун аганара бер закъалтана доккху.
10ТІехь хІума йоцуш лела къен нах.
Ялта чудерзош болчара санна цара
болх бахь а, уьш мацболуьйту.
11РаьгІнашна юкъахь, Іовдий, зайтдаьтта доккху цара,
кемсаш Іуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.
12ГІалахь леш болчеран узарш ду хезаш,
чевнаш йинарш а бу гІо доьхуш,
амма Далла церан доІанаш дІа ца хеза.

 

13Серлонна дуьхьал гІевттинарш а бу,
царна ца девза Цуьнан некъаш,
уьш цу некъаш тІехула а ца лела.
14Сахуьллуш хьалагІотту нах бойург,
къениг а, декъазаниг а цо воь,
ткъа буьйсанна хІума лачкъайо.
15Нахаца леларг бода тІебаре хьоьжу,
цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“,
шен юьхь а цо туьтмІаьжигаца дІакъовлу.
16Буьйсанна цІийнан пенах Іуьрг доккху талорхоша,
ткъа дийнахь, дІа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш.
Дийнан серло хІун ю царна а ца хаьа.
17Царна массарна а Іуьйре – Іожаллин ІиндагІ санна ю,
ткъа оцу ІиндагІан инзаралла царна евзаш ю.
18Амма, хина тІехула хІуттург санна, уьш сихха дІабовду.
Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тІехь неІалт ду,
церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.
19Йокъано дешаш долчу лайн хи дІа-ма-худдара,
иштта эхарто дІахуду къинош летийнарш.
20Ненан кийрано а иза вицво,
цунах нІаьнийн даар а хуьлу,
цхьанна а иза дага а ца вогІу,
дитт санна, кагло къинош летийнарг.
21Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гІело йо,
йисина Іачунна а диканиг ца до цара.
22Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дІакхоьхьу.
Дела хьалагІаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.
23Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а,
Цуьнан бІаьргаш церан некъашка хьажийна бу.
24Уьш кІезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тІаккха уьш бац.
Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу.
Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.
25Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду?
Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»

 

 

Билдад

 

25

 

1Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:
2«Іедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза.
Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.
3Чот юй те Цуьнан эскарийн?
Хьанна тІе ца юссу Цуьнгара серло?
4Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ?
Муха хир ву зудчо вина волу стаг цІена?
5Цуьнан бІаьргашкахь бутт а сирла ца хилча,
Цунна хьалха седарчий а цІена ца хилча,
6кхин а кІезиг ду адам – нІаьвцицигах а,
нІаьнах а терра бен вац адаман кІант».

 

 

Аюб

 

26

 

1Жоп луш, Аюба элира:
2«Стенна тІехь гІо дина ахьа гІора дІадаьллачунна?
Куьйгашкахь ницкъ боцучунна гІо диний ахь?
3ХІун хьехар дина ахьа хьекъал доцучунна?
КІорга хьекъалалла луш ницкъ бина ахьа хьайна!
4Хьан гІо дина хьуна и дешнаш ала?
Хьенан са дара хьан багахула къамел дийриг?
5Хина а, цунна чохь бехачарна а бухахь
беллачийн синош дегош лаьтташ ду.
6Эхарт Далла хьалха дерзина а ду,
талхаран меттиган кхалор а яц.
7Цо яьссаллина тІехь къилбаседехьара стигал дІаяржийна,
цхьа а хІума йоцучохь латта а хьалаоьллина.
8Шен мархаш юкъахь хи схьагулдо Цо,
ткъа марха хи деза хиларх екъа а ца ло.
9Цо беттасин юьхь дІалачкъайо,
марха цунна тІе а йохийтий.
10Хи тІехула сиз хьаькхна Цо,
серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош.
11Цуьнан оьгІазаллех инзардевлла,
стигалара бІогІамаш ду дегош.
12Шен ницкъаца хІорд дІатебира Цо,
хІордан саьрмик болу РахІаб Цо
Шен хьекъалаллица хьаьшира.
13Цо схьадеттачу хІоно стигал серлаяьккхира,
Цуьнан куьг шершаш боьдучу лаьхьанах чекхбелира.
14ХІара дерриг а Цуьнан гІуллакхийн кІеззиг долу дакъа бен дац.
Шабар-шибар дечу хенахь бен вайна Цунах лаьцна ца хеза!
Ткъа Цуьнан ницкъан къекъар къасто хьенан хир яра йиш?»

 

 

Аюб

 

27

 

1Шен къамел кхидІа а дира Аюба. Цо элира:
2«Аса чІагІо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а,
сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,
3суна чохь садеІар дІадаллалц,
сан мерІуьргашкахь Делан са мел ду,
4сан багара харцдерг арадер ма дац,
сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!
5ХІуъа хилахь а, со аша бохучунна тІетовр вац,
со дийна мел ву, сайн цІена хилар дойур дац ас.
6Сайн бакъхилар чІоггІа латтадо аса, иза ас дІа а лур дац –
цу тІехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.

 

7Сан мостагІа харцонча санна лорийла,
суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.
8Стенах сатийса деза Іесачо,
Дала ша дІатеттича,
Цо шен са дІаэцча?
9Далла хезар дуй те цуьнан тийжар,
цунна бохам тІебеача?
10Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух,
кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?

 

11Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна,
Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.
12Шуна шайна а ма гина дерриг а.
Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?

 

13ХІара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг,
хІара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг[8].
14Цуьнан кІентий мел дебарх, уьш туьро хІаллакбийр бу,
цуьнан тІаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.
15Цунах тІаьхьабиснарш Іожаллин уьно коше кхачор бу,
царах бисинчу зударша царна тІаьхьа тийжарш а дийр дац.
16Ченал дукха дети шена гулдахь а,
поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,
17уьш Делан лаамехь болчара тІедухур ду,
цуьнан дети цІена лелачара доькъур ду.
18Цо шена деш долу цІа нецан бен санна
я хехочун бун санна, до.
19ДІавуьжуш, хьолада санна дІавуьжу иза,
амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу.
Цо бІаьргаш схьабиллича, цуьнан хІумма а дисина ца хуьлу.
20Хи тІедалар санна, тІекхочур ду цунна Іадор.
Буьйсанна шайтІанан мохо иза дІа а хьо.
21Малхбалехьарчу мохо иза дІаваьхьча,
иза кхин хир вац. Шен метта тІера
оцу мохо дІахьокхур ву иза.
22Къинхетам боцучу мохо иза дІахьоькху,
цуьнан караравала гІертачу хенахь.
23Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тІараш вовшахдетта,
иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».

 

 

28

 

Хьекъалаллех лаьцна йолу байт

 

1Иштта, дети доккху меттиг а ю,
деши лалош а, цІандеш а меттиг а ю.
2Эчиг лаьтта бухара схьадоккху,
ткъа цІаста, маьІда хуьлий, лела.
3Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дІабоккху.
Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза.
КІоргачу боданехь маьІда лохуш ву иза.
4Цо лаьттах маьІда даккха гІу йоккху,
нах Іаш болчунна генахь а йолуш,
адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь.
Адамашна генахь а волуш,
гІун чохь машшаш тІехь кхозу иза.
5Шена тІехь ялта кхуьуш долу латта,
кІоргенехь цІарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.
6Оцу меттигехь саппир цІе йолу тІулгаш ду,
ткъа царна тІехь дешин чан ю.
7Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза,
и некъ цхьана а лечин бІаьргана а ца гина.
8Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна,
иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.

 

9Адамаша тархийн чІогІалла йохош шайна некъаш доху,
цара лаьмнаш ораматашна тІера дуьйна тІекІелдоху.
10Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху,
лаьтта бухара бахам гучуболу церан бІаьргашна хьалха.
11Цара хиш арадовлу кортош а лоьху[9],
къайлаха долу хІума гучу а доккху.
12Амма мичара доккху те хьекъалалла?
Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?

 

13Адамна цуьнан мах а ца бевза,
дийначийн лаьтта тІехь а иза карор бац.
14КІоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац».
ХІордо а боху: «Соьгахь а иза дац».
15ЦІеначу деших а иза лур дац,
дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.
16Апаран дешица а иза дусталур дац,
я дезачу тІулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.
17Я деши а, я цІена ангали а цуьнца дусталур дац,
я цІеначу деших йолчу пхьегІех а хийцалур дац.
18Маржанаш а, чекхсагун тІулгаш а дийца а ца оьшу,
хьекъалалле кхачар массо а жовхІарел а деза ду.
19Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз,
цІеначу деших иза эцалур дац.

 

20Мичара долу те хьекъалалла?
Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?
21Иза массо а дийначу хІуманан бІаьргах къайладаьккхина ду,
иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.
22Талхаран меттиго а, Іожалло а боху:
«Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».

 

23Далла бен ца хаьа цунна тІебоьду некъ,
Цунна хаьа иза долу меттиг а,
24хІунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду,
стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.
25Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь,
хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,
26иштта догІанна бакъо лучу хенахь,
ткъесана тача лучу хенахь,
27эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина,
цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дІахІоттийра Цо.

 

28ТІаккха аьлла Цо адаме:
«Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду,
ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду».

 

 

29

 

Аюбан тІаьххьара къамел

 

1Аюб кхин а къамел дан волавелира:
2«Ма лаьар-кх суна дІадахана беттанаш духадоьрзийла,
Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,
3Цуьнан къуьда сан коьрта тІехула богуш а болуш,
ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!
4Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь,
Делаца йолу тІекаре сан хІусамехь йолчу хенахь.
5Нуьцкъала Дела соьца вара,
сан бераш а дара суна уллохь.
6Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тІехь,
ткъа тарха тІера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.
7ГІалин ков долчу ара а ваьлла,
со майданахь сайн метте охьахиъча,
8кегий нах, сох шайн бІаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура,
ткъа къаной, хьала а гІовттий, лаьттара.
9Баьччанаш, бист а ца хуьлуш,
шайн бета тІе куьг а дуьллий, лаьттара.
10Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дІасовцура,
церан меттанаш стигалх дІалетара.

 

11Со хезаш мел верг со хестош хуьлура,
ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,
12хІунда аьлча аса гІо доьху пекъар кІелхьарвоккхура,
гІо доцуш болчу боберашкахьа гІо а доккхура.
13Лечуьра кІелхьарваьккхинчо со декъал а вора,
бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.
14Бакъахьа лелар – сан духар санна дара,
ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра.
15Со бІаьрзечунна бІаьргийн метта вара,
ткъа астагІчунна когийн метта вара.
16Мискачарна со ден метта вара,
хийрачун гІуллакх а ас къастадора.
17Зуламхойн моччагІалш а ас дохадора,
церан багара ижу а ас схьайоккхура.

 

18Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву,
сан денош, хІорда йистера гІум санна, дукха хир ду,
19сан орамаш хи тІе кхочу,
сан гаьннаш тІехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,
20сан сий а дац тишлуш,
сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.
21Адамаша собарца ладугІура соьга,
дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.
22Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара,
сан дешнаш, догІа санна, царна тІеоьхура.
23ДогІане санна, сатуьйсура цара соьга,
бІаьстенан догІанан тІадамашна санна,
шайн баганаш хьала а гІиттайора.
24Уьш ца тешара, со шайна велавелча,
сан юьхь тІера лепаро уьш иракара а хІиттабора.
25Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара.
Шен эскархошна юкъахь Іаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь.
Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».

 

 

Аюба кхидІа а элира:

30

 

1«ХІинца сол жимах берш сох буьйлуш бу.
Церан дай ас сайн жа лардеш долчу
жІаьлешна улло а буьтур бацара.
2Суна хІун пайда бара куьйгашкахь болчу ницкъах,
оцу дайн гІора цаьргара дІадаьхьна хилча?
3Къоьллех а, мацаллех а гІелбелла,
буьйсанна яьссачу аренгахь
декъа орамаш доура цара.
4Коьллашна юкъара сорам боккхура цара,
ткъа чаьмза жолам-колл царна кхачанна яра.
5Адамашна юкъара дІалоьхкура уьш,
къушна тІе санна, царна тІе мохь хьоькхура.
6Церан Іойла дакъаделлачу хин Іаннаш чохь ду,
лаьттах долчу оьрнашна а, тархашна а юкъахь.
7Коканийн коьллашна юкъахь, варраш санна, Іоьхура уьш,
нитташна юкъахь шаьш дІахьулбора.
8ЦІе йоцу, пайда боцу,
махкара лаьллина лелош йолу арданг!

 

9Цара сох хІинца кхардаран йиш лоькху,
сох лаьцна цара масалш а даладо.
10Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка,
со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара.
11Сан секхаІодан зІенар дІа а яьстина,
Дала со гІел а вина, суна гІело а йина.
Цундела суна дуьхьал дуьрста йоцуш бу уьш.
12Аьтто агІор суна тІелета и арданг,
сан когаш тІера со бертал ветта цара,
со верхьама шайна некъ а боккхуш.
13Цара сан кІелхьарваларан некъ бохийна,
со дакъазаваккхарна аьтто бо цара,
цхьа а шайна гІо деш воцуш.
14Пенах даьккхинчу доккхачу Іуьргах санна, чулелха уьш суна.
Пенан дакъош охьадужучу хенахь суна тІебеттало уьш.
15Іадош долу къематаш догІу суна тІе,
сан юьхькІам, мохо санна, дІасабаржабо,
со кІелхьарваларан йиш, марха санна, йов.

 

16Сан са дІадолуш доллу,
баланийн денош тІекхаьчна суна.
17Буьйсанна сан даьІахкаш лозу,
сан лазар а дац цкъа а соцуш.
18Боккхачу ницкъаца сан бедар хьийза а еш,
Дала сан барзакъан кач дІалоцу.
19Цо со хоттана юккъе кхуссу,
хІинца со чан а, овкъарш а санна ву.

 

20Со Хьоьга кхойкху, амма Ахьа суна жоп ца ло,
со Хьуна хьалха лаьтташ ву, амма Хьо соьга схьа ца хьожу.
21Нуьцкъала Дела, ма къиза ву-кх Хьо соьца,
Хьайн нуьцкъала куьг суна дуьхьал даьккхи-кх Ахьа.
22Со хьала а айина, сихачу мохе хьовзавайти Ахьа,
чІогІа хьоькхучу мохаца со дІаса а ветта Ахьа.
23Суна хууш ду, Ахьа со Іожалле вуьгуш вуйла,
дуьнен чохь вехаш волу массо а стаг кхочур волчу метте.
24Декъазачунна тІе куьг айдеш хуьлу,
орца а дохуш, цунна тІехь хала киртиг хилча?
25Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со?
Къечунах къинхетам ца бора те ас?
26Ас диканах сатуьйсучу хенахь, бала кхечи соьга,
ас серлоне сатесча, бода тІебеа.
27Сан кийрара цІе дІа ца йолу,
баланийн денош ду суна тІедаьхкина.
28Сан чкъор Іаржделла, амма иза малхо Іарждина дац.
Адамийн гуламна хьалха дІа а хІоьттина, ас гІо доьху.
29Со хІинца чангІалкхийн ваша а,
страусийн доттагІа а хилла.
30Іаржделла сан чкъор охьадужу,
дерриг а сан дегІ дагаро дІалаьцна.
31Сан мерз-пондар а бу боьлхуш,
тийжаш ю сан зурма а».

 

 

Аюба кхидІа а элира:

31

 

1«Сайн бІаьргашца бина барт бу сан,
уьш зудабере хьарамлонца дІахьожур бац аьлла.
2Иштта хилча, хІун кхоллам бара те лакхарчу Дала суна кечбинарг?
ХІун кхел йинера те суна стигаларчу Нуьцкъалчо?
3Зуламхошна лерина дац те дакъазабовлар,
харцонаш лелочарна лерина бац те бохам?
4Далла ца го те сан некъаш,
массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те?

 

5Ас чІагІо йо, со харцонаш еш ца лелла аьлла,
мекарниг дан сан ког сих ца белла аьлла.
6Дала со бакъдолчу терзан тІехь узийла,
тІаккха хуур дара Цунна, со цІена вуйла.
7Со нийсачу некъа тІера галваьллехь,
сан бІаьргаша сан дог вонна тІе дерзийнехь,
сан куьйгаш хьарамчу хІумано бехдинехь, –
8ас дІадийнарг кхечо доийла,
сан зІийдагаш орамашца цхьаьна хьалайохийла.

 

9Нагахь сан дагна уллорачун зуда а езаелла,
сайн уллорачун неІарехь кІелонаш ас йинехь,
10сан зудчо кхечунна кохьар хьийзайойла,
цуьнца буьйшуш кхиберш а хуьлийла,
11хІунда аьлча иза хьарамло хир яра,
цунна кхелахой кхел ян езаш хир бара.
12Иза массо а хІаллакдеш йолу цІе хир яра.
Ас къа мел хьегнарг дакъазадоккхур дара.

 

13Нагахь ас сайн ялхошца нийсо лелош ца хиллехь,
церан сайца къовсам баьлча,
14ас хІун дийр дара, Дела суна хьалха дІахІоьттича?
Цо сайга хаттар дича, ас хІун эр дара Цуьнга?
15Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те?
Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те?

 

16Ас чІагІо йо, къечун дехар ас дІа ца теттина аьлла,
йисина Іачу зудчун бІаьргаш ас ца кхолийтина аьлла.
17Ас чІагІо йо, сайн бепиг ас сайна ца дитина аьлла,
цунах байлахь бисинчарна дакъа а ца деш.
18Со жима волчу хенахь дуьйна байлахь бисинчарна да санна хилла,
бисина болчу зударшна ненан кийрахь дуьйна гІо дина ас.

 

19ТІедуха хІума цахиларна стага бала хьегар а,
къечу стагана тІетаса хІума цахилар а сайна гича,
20ас царна тІедуха хІума лора,
сан уьстагІийн тІергІано уьш бох а бора,
ткъа цара даггара баркаллаш а олура.

 

21Нагахь ас боберана дуьхьал буй айбинехь,
гІалин кевнехь болчу кхелахошкара
сайна гІо хир дуйла а хууш,
22сан куьг белша тІера охьадужийла,
пхьаьрсан голлец каглойла сан куьг.
23ХІунда аьлча Дала сайна бохам барх со чІогІа кхоьруш вара.
Цуьнан возаллина дуьхьалвала сан ницкъ хир бацара.

 

24Нагахь санна со деших тешнехь,
я цІеначу дешига ас аьллехь:
„Хьо сан чІагІо ю“,
25нагахь санна ас сайн доккхачу хьолах дозалла динехь,
сайн куьйгаша къа мел хьегначух со сакъераделла хиллехь,
26нагахь санна маьлхан къегаш хиларе а,
беттасин сийлахьчу боларе а хьоьжуш,
27сан дог царах къайлаха Іеха а делла,
уьш лара куьйгана барт ас баьккхинехь,
28иза кхел ян дезаш долу зулам хир дара,
лакхарчу Далла ас тешнабехк бийр бара.

 

29Сайн мостагІа валар бахьана долуш воккхавеш хилла со,
я цуьнга вон деача, сакъералуш хилла?
30МостагІчунна Іожаллин неІалт кхайкхош,
сайн баге къа ца летадайтира ас.
31Сан хІусамна чохь болчара эр ма ду:
„Аюба жижигах ца вузийнарг вуй ткъа?“
32Ваьлла лелачо цкъа а арахь буьйса ца яьккхина:
сан цІийнан неІарш цунна массо а хенахь дІайиллина хилла.
33-34Ас чІагІо йо, сайн къинош сайн четахь дІа ца хьулдина аьлла,
кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла,
хІунда аьлча адамийн тобанех со дІакъехкар вара,
вист а ца хуьлуш, сайн хІусама чохь сеццал,
тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара.

 

35Соьга стаг ладугІуш велахьара!
Айса мел аьлларг чІагІдо ас.
Нуьцкъалниг суна жоп луш велахьара!
Нагахь санна со бехкевеш волчо
сан стенна тІехь бехк бу яздинехьара,
36и йоза ас сайн белшаш тІехь лелор дара,
таж санна, иза сайн коьрта тІе дуьллур дара.
37ТІаккха айса мел баьккхина ког дІабуьйцур бара аса,
элана санна, Цунна улло гІур вара со.

 

38Сан лаьтто суна дуьхьал кхайкхош делахь,
оханна тІера хершнаш доьлхуш делахь,
39ас царна тІера ялта мах боцуш диънехь,
я цу ахархойн дегнаш ас дохийнехь,
40кха тІехь кІен метта коканаш долийла,
ткъа мекхан метта асар хьалакхуьийла».

 

Цу тІехь чекхделира Аюбан къамел.

 

ЭлихІус дина къамелаш

 

(32:1 – 37:24)

 

32

 

1ТІаккха Аюбан кхо доттагІа цунна дуьхьал хІумма а ца олуш сецира, хІунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара. 2Эццахь бузихойх волу Барахиалан кІант ЭлихІу оьгІазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихІу Аюбана оьгІазвахара, цо ша Делал а чІогІа бакъвар бахьана долуш. 3Иштта Аюбан кхаа доттагІчунна а оьгІазвахара ЭлихІу, хІунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. 4ЭлихІу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хІунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара. 5Амма, важа кхоъ кхин хІумма а ца олуш сецча, иза оьгІазвахара.

 

 

ЭлихІу

 

6Бузихо волчу Барахиалан кІанта ЭлихІус элира:
«Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду.
Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Іаш вара со.
7Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас,
воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.
8Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду,
Нуьцкъалчун Іаьнаро цунна кхетам ло.
9Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург,
къоначарна а го нийсонца дерг.
10Цундела ас боху: „ЛадогІа соьга,
со а сайна хууш дерг ала воллу“.

 

11Ас собарца ладуьйгІира шун къамелашка,
леррина ладуьйгІира шун хьекъалечу дешнашка,
шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.
12Дикка хьоьжуш вара со шуьга,
амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира,
цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.
13Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“.
Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.
14Аюб соьга луьйш вацара,
цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.

 

15Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хІумма а алалуш а боцуш.
Церан хІумма а ала ца дисна, уьш дІасецна.
16Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац,
кхин хІумма а ца олуш, дІасецна уьш.
17Цундела ас сайгара жоп лур ду,
сайна хууш дерг а эр ду,
18хІунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со,
ткъа сан кийрахь долчу сино Іаткъам бо суна.
19Сан кийра садеІалуш доцу керла чагІар санна бу,
иза эккха боллуш болу пІаьлдиг санна бу.
20Соьга алийта, суна атта хилийтархьама.
Сан балдаш дІаделлийта, соьга жоп далийтархьама.
21Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац,
цхьана а адамна хьеста а лур вац со.
22Суна хьеставала ца хаьа,
амма иза иштта ца хилча,
со Кхоьллинчо со сихха дІавоккхур вара».

 

 

ЭлихІус кхидІа а элира:

33

 

1«Ткъа хІинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догІа,
массо а ас олучу дешан тидам а бе.
2ХІинца ас сайн бага дІайоьллу,
сан дешнаш меттан юьххьехь ду.
3ЦІеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу,
суна хууш дерг сан матто цІена схьабоху.
4Со Делан Сино кхоьллина,
Нуьцкъалчун Іаьнаро суна дахар ло.
5Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна,
соьца къовса кеч а ло, дІа а хІоттий.
6Далла хьалха со а хьо верриг ву,
со-со а ву поппарх вина.
7Цундела сох болчу кхерамо хьо Іада ма во,
хьуна тІехь болу сан Іаткъам беза хир бац.

 

8Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг,
хьан аз хІинца а сан лерехь ду:
9„Со цІена ву, зуламаш лелийна а воцуш,
со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.
10Ткъа Далла суна таІзар дан бахьанаш карадо,
со Шен мостагІа а лору Цо.
11Цо сан когашна буржалш тоьхна,
ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.

 

12Цу тІехь хьо бакъ вац, Аюб,
хІунда аьлча Дела адамал лекха ву.
13ХІунда къийсало хьо Цуьнца,
адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?
14Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а,
Цо бохург ца тусало стагана.
15Цо гІенах олу стаге я буьйсанан суьртехь,
кІорга наб адамна кхеттачу хенахь
я шен меттахь стаг Іуьллучу хенахь.
16ТІаккха церан лерг сама а доккхий,
дикка гучу тайпана царна лерина
долу Шен дІахьедар до Цо,
17стага дан леринарг цуьнга ца дайта а,
цуьнан куралла дІаяккха а,
18иштта иза эхартана гена ваккхархьама а,
цуьнан дахар Іожаллин хих чекх ца далийтархьама а.
19Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза,
цуьнан даьІахкашкахь гуттар а тІом а латтош.
20ТІаккха цуьнан кийрано яа хІума тІе ца оьцу,
уггар токхе йолу хІума а цуьнга ца яало.
21Цуьнан дегІ гІелло, цунах хІумма а ца дуьсу,
хьалха гуш йоцу цуьнан даьІахкаш гучуйоху.
22Цуьнан са эхарте кхочуш ду,
ткъа цуьнан дахар – Іожалла
тІеяхьаш болчу геланчашка.

 

23Амма нийса муха лела деза гайтархьама,
адамна юкъалелаш долу малик делахь,
вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,
24оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле:
„Эхарте кхачарх паргІатваккхахьа иза,
цунах такха дезарг суна карийна“.
25ТІаккха цуьнан дегІ къона волуш хилларг санна, дІахІуттур ду,
иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.
26Цо Деле доІа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву.
Деле Іибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу.
Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахІоттор ду.
27Нахе дІадуьйцур ду цо шена хилларг:
„Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш,
амма суна догІу таІзар Цо суна ца дина.
28Эхарте кхачарх со паргІатваьккхира Цо,
хІинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.

 

29И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду,
кхин шозза, кхузза дукхах а деш,
30цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а,
цунна дахаран серло лепийтархьама а.

 

31Тидам бе, Аюб, ладогІа ас бохучуьнга.
ХІумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.
32Амма хьайн ала хІума делахь, суна дуьхьал ала.
Вист а хила, хІунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.
33Нагахь хьайн ала хІума дацахь, вист а ца хуьлуш Іе,
ас Іамор ду хьуна хьекъале дерг».

 

 

34

 

1ТІаккха ЭлихІус шен къамел кхидІа а дира:
2«ЛадогІа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга,
шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,
3хІунда аьлча лергаша дешнаш къастадо,
матто юучу хІуманан чам къастош санна.
4Талла а теллина, ваьшна нийса хІун ду къастор вай,
вайна юкъахь диканиг хІун ду девзар вайна.
5Аюба элира: „Со нийса ву,
амма Дала сан гІуллакх кхеле ца диллира.
6Со нийса велахь а,
харц лоруш ву со.
Сан бехк боццушехь,
суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.

 

7Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг?
Цо Деле кхардаме хІуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,
8иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела,
цуьнан некъаш Іесачеран некъех дІакхетта.
9ХІунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац,
Далла тамехь хила иза гІерташ хилча!“

 

10Кхетам берш, ладогІа соьга!
Дала харцдерг лело йиш яц,
Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.
11Цо стагана цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина ло доггІург,
хІоранна а леларна хьакъ дерг дІало Цо.
12Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до,
Ницкъболчо харцкхел а ца йо.
13Хьан хІоттийна Иза дуьненна Іуналла дан?
Мила ву дерриг а дуьненна тІехь куьйгалла деш верг?
14Нагахь Цо Шен дог даийтича,
Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича,
15эццахь дуьнен тІехь мел долу адам,
хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара.

 

16Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь,
со а хезаш, ас бохучуьнга ладогІа.
17Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй?
Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?
18Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“,
Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Іесанаш ду“.
19Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо,
ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо,
хІунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.
20ЦІеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле.
Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дІакхелха.
ПІелг тІе пІелг а тоьхна, Цо ницкъберш дІалохку.
21Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду,
Цунна адамо мел боккху ког а го.
22Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг,
харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.
23Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу,
иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.
24Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший,
церан метта кхинаш дІахІиттабо,
25хІунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гІуллакхаш.
Буьйсанна царна тІехь толам а боккхий, уьш дІахьоьшу Цо.
26Іесачу нахана санна, царна таІзар до Дала,
массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,
27Шена тІаьхьахІиттинчуьра уьш дІабирзина дела а,
Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.
28Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду,
ткъа гІело хьоьгучеран узарш а Цунна дІахезаш ду.

 

29Иза вист а ца хуьлуш Іаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу?
Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву?
Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,
30диндоцу стаг паччахь вина дІа а ца хІоттийна,
нахана кІело йиначуьнга царна тІехь куьйгалла ца дайта.

 

31Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву,
хІинца чул тІаьхьа ас къинош летор дац.
32Суна ца хууш дерг Ахь суна Іамадехьа?
Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.
33Дала деш дерг ахь дІатоттучу хенахь
таІзар даза Иза Іийр ву моьтту хьуна?
Хьо ву сацам бан безарг, со вац.
Ала хІинца хьайна хууш дерг.

 

34Кхетам болчара соьга эр ду,
со хезна волчу хьекъалчо эр ду:
35„Хьекъале къамел дац Аюба дийриг,
маьІна долуш хІума дац цо бохург“.
36Зуламхоша санна, жоьпаш даларна,
Аюбана кхоччуш таІзар динехьара!
37Шен къиношна тІе цо аьрхалла а туху.
Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ,
Деле Іеса къамелаш деш ву иза».

 

 

35

 

1ЭлихІус кхин а дІа дира шен къамел:
2«„Далла хьалха со бакъонна тІехь лаьтта“, – аьлла,
дийцар нийса хетий хьуна?
3Ахьа боху: „Суна хІун пайда бу?
Аса къинош ца летийча а, хІун пайда бу?“
4Суна луур дара хьуна а,
хьан доттагІашна а жоп дала.

 

5Стигала хьалахьажа, гуш хила!
Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!
6Ахьа къа латийча, Далла хІун ду?
Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хІун ду иза?
7Хьо нийса лелча, Цунна хІун ло ахьа?
ХІун кхочу Цунна хьан карара?
8Хьан Іесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало,
ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.

 

9Дуккха а йолу гІелонаш ловчу адамаша орца доккху,
ницкъболчийн куьйгаш кІелара схьахезаш ду церан узарш.
10Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела,
буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,
11лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг,
стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“
12Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна,
вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.
13Эрна ду иза – Дала оцуьнга ла ца дугІу,
Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.

 

14Дала мел кІезиг ладугІур ду хьоьга,
Иза хьайна ца го ахь баьхча,
хьайн гІуллакх Цунна хьалха ду,
Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.
15Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош
летош берш таІзар ца деш буьту,
церан къинош Шена ца гуш санна.
16Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду.
Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».

 

 

36

 

1ЭлихІус, кхин а шен къамел дІа а деш, элира:
2«Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна,
Делан цІарах кхин а хІума ала дезаш хилар.
3Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю,
со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.
4Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу.
Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.

 

5Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дІа ца тотту Цо.
Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кІорга бу.
6Іесаниг Цо дийна ца вуьту,
гІело хьоьгучунна нийса кхел йойту.
7Шен лаамехь волчунах бІаьрг ца бадабо Цо,
ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту,
лекхачу даржехь иза хилийтархьама.
8Нагахь уьш, буржалш а тоьхна,
Іазапехь латтош белахь,
9Цо дІагойту цара мел лелийнарг а,
дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.
10ТІехдеттаре ладогІийта церан лергаш дІадоьллу Дала,
иштта шаьш лелочу зуламех дІаберзар царна тІедуьллу Цо.
11Цуьнга ла а дугІуш, Цунна гІуллакх а деш уьш лелахь,
цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду,
шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.
12Нагахь Цуьнга цара ла ца догІахь,
уьш Іожаллин хих чекхбевр а бу,
кхетам боцурш санна лийр а бу.

 

13Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгІазалла латтайо,
цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.
14Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду,
цІуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.
15Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргІатвоккху Цо,
цуьнан гІело хьегарехула лергаш дІадоьллу Цо.

 

16Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера
цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга,
хьуна хьалха токхе шун а хІоттийнера Цо.
17Амма хІинца Іесачунна догІу таІзарх вуьзна ву хьо,
цунна леринчу кхело а, таІзаро а схьалаьцна хьо.
18Варелахь, хьоле хьо Іеха ма вайталахь!
Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!
19Хьайн хьал доккха хиларна
я хьо чІогІа гІерташ хиларна,
баланех кІелхьарвер ву те хьо?
20Халкъаш цІеххьана меттахдохуш
йолчу буьйсане са ма тийса.
21Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь,
хІунда аьлча цунах дІаверзарна
гІело хьоьгуш ма ву хьо.

 

22Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ!
Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?
23Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг?
Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?
24Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан
гІуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.
25Уьш массо а адамашна гина ду,
амма стагана геннара бен уьш гина дац.
26Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац.
Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.

 

27Цо хин тІадамаш Шена схьагулдо,
ткъа, догІа а литтина, царах дохк до.
28Мархаша шайн тІуналла охьаІанайо,
шортта догІа охьадогІу адамашна тІе.
29Цхьа а ца кхета, мархаш муха дІасаяржайо Дала,
иштта Шен хІусамна тІера стигал муха къекъайо Цо.
30Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху,
ткъа хІордан бух, дІахьулбина, къайлабоккху.
31Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо,
царна шортта кхача а ло Цо.
32Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг,
цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.
33Ткъесан гІовгІано хаам бо дарц хьакхарх,
ткъа бежанашна иза тІедар хууш ду».

 

 

ЭлихІус кхидІа а элира:

37

 

1«Цу бахьанина сан дог дегош ду,
меттах а даьлла, сан дог деттало.
2ЛадогІа стигал къекъарх тера долчу Делан озе,
ладогІа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.
3Ерриг а стигал кІелахь Цо къоьгуьйту
Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.
4ТІаккха Делан озо гІовгІа йо.
Шен возаллин озаца Цо гІовгІа йо.
Шен аз хезаш долчу хенахь
стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.
5Тамашийна схьахезаш ду Делан аз,
вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хІуманаш до Цо.
6Лоне Цо олу: „Лаьтта тІе охьагІо“,
догІанан йочане: „Сихха охьаэга!“
7ХІорра а болх бечуьра дІасацаво Цо,
массарна а Ша дийриг дІахаийтархьама.
8Акхарой дІалечкъийлашна чу а йоьлхий,
шайн баннаш чохь совцу.
9Къилбехьара йилбазмох хьоькху,
къилбаседехьара шело кхочу.
10Шен садеІарца Дала ша бойту,
тІаккха хийн шералла чІагІйина дІахІутту.
11ДогІанан мархаш Цо тІуналлех юзу,
цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.
12Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю,
дерриг а дуьнен тІехь Цо аьлларг кхочуш а деш.
13Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду,
я лаьттана таІзар дархьама,
я нахана Шен безам гайтархьама.

 

14Оцу хІуманийн тидам бехьа, Аюб.
ДІасацахьа, Делан исбаьхьачу гІуллакхашка хьажахьа.
15Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до,
Цо ткъес муха къогуьйту?
16Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало?
Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гІуллакхаш ду уьш.
17Хьуна тІера бедарш йохлой дІахІуьтту,
къилбехьара бовхачу мохо латта дІатедича.
18Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дІасаяржо,
заьнгалчу цІастанах дина куьзга санна,
иза чІагІдина дІа а хІуттуьйтуш?
19Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг.
Цуьнца дуьйцучу хенахь хІун ала деза,
тхо боданехь дехаш Іаш ма ду.
20Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те?
Ша дІакхаьллина хилар стага доьхий те?

 

21Леррина малхе хьажа йиш яц,
стигал, мох хьаькхча, дІа а цІанйина,
иза стигалахь сов къегаш хилча.
22Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу,
Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
23Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан.
Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина,
Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю.
Цо цхьана а стагана гІело а ца йо.
24Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу,
амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».

 

 

38

 

Везачу Эло Аюбана жоп далар

 

1ЭлихІу вистхилла ваьлча, дарца юккъера Аюбе вистхилира Веза Эла.

 

Веза Эла

 

2«Сан Іалашонаш хьекъале доцучу
дешнашца кхулуьйтуш верг мила ву?
3ДІаехка хьайн гІодаюкъ, къонахчо ма-еххкара:
Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло.
4Мичахь вара хьо, Аюб, Аса латта дІахІоттош?
Схьаала Соьга, хьайн кхетам цу хІуманна тІекхиънехь.
5Мила ву цу лаьттан барам нисбинарг? Хьуна-м хууш ма ду иза!
Мила ву цунна тІехула дустаран тІийраг дІасаяржийнарг?
6Стенна тІе хІоттийна дуьненан бух,
хьан биллина цуьнан са нисбеш буьллуш болу тІулг,
7дерриг а Іуьйренан седарчаша цхьаьна эшарш лекхначу хенахь,
стигалара гуламан декъашхой сакъералуш хиллачу хенахь?
8Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь
хІордана хьалхара кевнаш дІа хьан къевлина?
9Ас, духар санна, цунна тІе мархаш ехкира,
буькъачу боданна юккъе иза дІа а хьарчош.
10Ас иштта хІордана доза а къастийра,
цунна хьалха догІа тухуш йолу кевнан неІарш а хІиттош.
11Ас цуьнга элира: „ХІокху метте кхаччалц схьабогІур бу хьо,
амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгІенийн“.
12Хьан дахарехь ахьа цкъа а Іуьйренна омра диний,
я Іуьйренан цІийяларна цуьнан меттиг дІахІоттийний?
13Ахь сатасарна шен йистошца латта дІа а лоций,
цунна тІера Іесанаш охьакхисса аьлла, тІедожийний?
14Іуьйренан цІийяларехь дерриг а латта, мухІарна бухахь поппар санна, хийцало,
лаьттан лакхенаш а, кІоргенаш а, духар санна, гучуйовлий, дІахІуьтту.
15Сатасаро Іесачу нахана безаш болу бода дІалоцу,
иштта кхечу нахана ницкъбар цаьргара схьадоккху.

 

16Хьо кхаьчний хІорд схьаболучу меттигашка?
Хьо леллий, кІоргачу хийн къайленаш а толлуш?
17Іожаллин кевнаш гайтиний хьуна?
Эхартан кевнаш гиний хьуна?
18Лаьттан барам стенга кхочу хаьий хьуна?
Схьадийца, и дерриг а хьайна хаахь.
19Серло ехачу метте муха кхочур ву,
мичахь ду бода чохь Іаш долу цІа?
20Уьш хила безачу метте дІабигалур буй хьоьга?
Шайн хІусамашка уьш юхадерзоран некъаш девзий хьуна?
21Хьуна иза хууш хир ду-кх, хІунда аьлча
хьо и хан тІекхачале дуьнен чу ваьлла ву ткъа?
Хьан дахаран денош вуно дукха ду ткъа?

 

22Лайн сов йолу хІума дІаюьллучу чуваьллий хьо,
гиний хьуна къора чохь йолу меттиг,
23Ас халачу заманна лерина латтош йолу,
мостагІа тІелатар я тІом баллалц.
24Муха кхача веза шена тІера стелахаьштигаш дІасаяьржаш йолчу меттиге
я малхбалехьара мох лаьтта тІехула дІасадаьржаш йолчу меттиге?

 

25Хьан доху стигалахь догІанна некъаш,
иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш,
26цаьрга даьссачу лаьтта тІе а,
адам доцучу аренна тІе а догІа даийта,
27эрна а, яьсса а аре хих Іаборхьама а,
бецашка зІийдагаш тасийтархьама а?
28Вуй ткъа догІанан да?
Хьан деш ду тхин тІадамаш?
29Хьенан кийрара араболуш бу ша,
ткъа стигалара йис хьан йо?
30Хиш а, тІулг санна, чІагІ а лой,
дІахІуьтту, хІорд а тІехулара чІагІло.

 

31ВорхІ Седа цІе йолчу седарчийн куц хьоьга цхьаьна дехкалур дуй?
Орион цІе йолчу седарчийн куьцан буржалш хьоьга малдалур дуй?
32Хьоьга арабаккхалур буй шен-шен хеннахь седарчийн гулам,
иштта Нана-ча а, Чен кІорнеш а цІе йолу седарчийн куьцаш лело аьтто хир буй хьан?
33Хаьий хьуна, стигалийн бакъонаш муха ю?
Цаьрга лаьттана куьйгалла дайталур дуй хьоьга?

 

34Мархашка хьайн аз айалур дуй хьоьга,
цигарчу хине хьо верриг а ваша а войтуш?
35Ткъесаш ахьа аьллачу метте дІагІур дуй,
эр дуй цара хьоьга: „Тхо кийча ду“?
36Мархашна хьекъалалла хьан делла,
дохк муха хила деза, хьан кхетам белла?
37Мила ву стигалара мархаш ягаръяллал хьекъал долуш а,
уьш агІор а яьхна, догІа даийттал ницкъ болуш а,
38цул тІаьхьа ченах хатт а хилла,
цу лаьттах гІорзанаш еш верг?

 

39Хьо ижуна тІаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа,
мацделла лелачу цуьнан кІорнеш юзорхьама,
40уьш шайн бен чохь дІатебна Іачу хенахь
я уьш коьллаш юккъехь кІело йина Іачу хенахь?
41Хьан кечйо хьаргІанна юург,
цуьнан кІорнеш Деле кхойкхуш,
юург ца карош лелачу хенахь?»

 

 

Везачу Эло кхидІа а элира:

39

 

1«Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан,
сено кІорнеш еш гиний хьуна?
2Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кІорнеш кийрахь лелайо?
Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?
3Шайн кІорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьІа,
иштта шайн кІорнеш дуьнен чу йоху.
4Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий,
тІаккха, кхин цкъа а юха ца догІуш, дІадоьлху.

 

5ПаргІатоне кхача хьан дІахецна акха вир,
цунна тІера буржал хьан дІадаьккхина?
6Ас эрначу аренах цуьнан цІа дина,
дуьрачу аренах цуьнан хІусам йина.
7Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гІалин гІовгІанах,
цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.
8Гунаш тІехула йолалой, шена юург лоху цо,
баьццара мел йолчу хІуманна тІаьхьаяьлла лела иза.

 

9Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана,
буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?
10Хершнаш даха муьшаца хьоьга дІабехкалур буй акха сту,
хьуна тІаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тІехь?
11Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Іийр вуй хьо?
ЧІогІа къахьегар цунна тІедилла ваьхьар вуй хьо?
12Цуьнга ялта схьа а гулдайтина,
хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?

 

13Страус олучу олхазаран тІемаш сакъерадаларца дІасадеттало,
амма чІерийдохурган месашца уьш дусталур дац.
14Страусо шен хІоаш лаьтта тІехь дуьту,
уьш гІамар тІехь дохдалийта.
15Цунна дага ца догІу царна тІе цхьаммо ког боккхург хилар а,
я акхароша уьш дохорг хилар а.
16Страус къиза ду шен кІорнешца,
цунна уьш хийра долуш санна хета,
шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.
17Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина,
иштта цунна кхетам а ца белла.
18Амма ша дада дагахь хьалаайделча,
иза беречух а, говрах а доьлу.

 

19Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ?
Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?
20Ахьа и говр, цІоз санна, кхийсайолуьйту те,
ша чІогІа хур дарца адам кхера а деш?
21Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу.
Иза шен ницкъ ма-хуьллу тІамтІе хьаьдда йоьду.
22Иза кхерамах йоьлуш хуьлу,
цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу,
ткъа туьрах иза дІа ца къехка.
23Іад-ботт ду цуьнан агІонна тІехь декаш,
къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,
24шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта,
ткъа, коьман маІан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.
25Шена коьман маІан аз хезча, говр терса,
геннара хаало цунна тІом болу меттиг а,
тІемалойн хьаькамийн аз а, тІеман цІогІа а.

 

26Хьан хьекъалаллица лела те куьйра,
шен тІемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?
27Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала,
лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?
28Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху,
ирачу тархех цо шен гІап а йо.
29Цигара шена ижу лоху цо, хІума яархьама.
Геннара схьахьоьжу цуьнан бІаьргаш а.
30Цуьнан кІорнеша цІий молу,
байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».
31ТІаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе:
32«Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те?
Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»

 

Аюб

 

33Юха Аюба Везачу Элана жоп делира:
34«Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со?
Сайн юьхь тІе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.
35Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а,
сан кхин жоп а дац, кхин хІумма а ас дуьйцур дац».

 

 

Веза Эла

 

40

 

1Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира:
2«Хьайн гІодаюкъ, къонахчо санна, дІаехка:
Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло.
3Хьо Сан кхел яр харцдан воллу,
хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш?
4Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг,
Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй?
5ТІаккха возаллица а, юьхькІамца а хазло,
иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тІедуха.
6Хьайн чІогІа йолу дералла дІа а хеца,
курачуьнга дІа а хьажий, иза охьатаІаве.
7Массо а курачаьрга дІа а хьажий,
уьш юьхьІаьржачу хІиттабе,
шаьш мел лаьттачу меттигашкахь
Іеса нах дІа а хьаша.
8Уьш лаьттах а бохкий,
боданечу эхарта чу йийсаре дІабига.
9ТІаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду
хьан аьтту куьйго хьо кІелхьарвоккхург хилар.

 

10ХІинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса.
И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду.
Цо буц йоу, стеро санна.
11Шен гІогІашкахь ма ницкъ болуш ю иза!
Цуьнан гайна тІехь долу пхенаш ма чІогІа ду!
12Цуьнан цІога, баганан дитт санна, чІогІа ду,
ткъа пхенаш цуьнан хенаш тІехь вовшахъхьирчина ду.
13Цуьнан когийн даьІахкаш цІестан турбанаш санна ю,
цуьнан пІендарш аьчка гІожмаш санна ду.

 

14Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю.
Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц.
15Цунна лаьмнаша ло кхача,
циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой.
16Коканийн коьллашна кІел Іуьллу иза,
уьшалийн шач юкъахь дІалечкъа.
17Оцу коьллаша шайн ІиндагІа кІел иза дІалачкъайо,
хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо.
18Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка.
Йордан-хи шен бета тІе деача а, иза синтемехь ю.
19Цуьнан бІаьргашна хьалха а хІоьттина,
цуьнан мерах мІара хьаьнга чекхбаккхалур бара?

 

20МІераца Левиятан цІе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга,
муьшаца оцу саьрмикан мотт дІабехкалур барий?
21Цуьнан мерІуьргахула тІийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга,
я мехаца мочхалх Іуьрг даккхалур дарий?
22Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те?
Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те?
23Гуттаренна а хьан лай хила,
цо хьоьца барт бийр буй те?
24Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо?
Хьайн гІарбашийн дуьхьа иза дІабоьхкур бу ахь?
25ЧІерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза?
Цара, нахана дІабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза?
26Цуьнан цІока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий
я цуьнан коьртах чаьнчакх[10] чекхъяккхалур ярий?
27Нагахь санна хьайн куьг цунна тІе ахь диллахь,
и тІом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу».

 

 

Везачу Эло кхидІа а элира:

41

 

1«Левиятан караІамо хьан сатийсам харц хир бу!
Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву.
2Иза меттахъхьабан ваьхьар волуш цхьа а вац.
ТІаккха Сан юьхь-дуьхьал хІотта мила ву?
3Соьга декхар такхийта Суна хьалха мила хІуттур вара?
Массо а стигална бухахь мел дерг Сан ду.

 

4Цуьнан меженех лаьцна ца олуш Іийр вац Со,
иштта цо динчу сийлахь гІуллакхех а,
схьахьаьжча, цуьнан кеп товш хиларх а.
5Цунна тІера бедар хьаьнга схьаяккхалур ю?
Цуьнан шалхачу гІаьгІна хьаьнга хІума Іотталур ю?
6Хьан хьалагІаттор ю цуьнан бага?
Гонах йолчу цуьнан цергаша Іадаво.
7Цуьнан букъ тІехь турсийн могІарш ду,
готтачу мухІаро вовшахтоьхна долу.
8Уьш юх-юххехь духкуш ду,
царна юккъехула хІаваъ а чекхдер дац.
9Цхьаъ вукхунна улло таьІна ду,
дІаса ца деккъал вовшахтоьхна.
10Цо хьоршам тоьхча, ткъес тоьхча санна хета,
цуьнан бІаьргаш сатасаран зІаьнарш санна лепа.
11Цуьнан багара араюьйлуш цІе ю,
суйнаш дІаса а детташ.
12Цуьнан мерІуьргашкахула кІур арабуьйлу,
кхехкаш болчу яй чуьра Іаь ма-яллара.
13Цуьнан садеІаро кІоранах а цІе тосу,
ткъа багара аракхуьйсуш цІеран алунаш ю.
14Цуьнан вортанехь боккха ницкъ бу,
и къемате хиларо стаг Іадаво.
15Цуьнан дилханан хершнаш готта дІатоьхна ду.
Уьш меттах ца долу лалийна эчиг санна ду.
16ТІулг санна долу цуьнан дог кхерамбоцуш ду,
иза, хьеран бухалара кохьар санна, чІогІа ду.
17Иза хьалагІоттучу хенахь турпалхой а Іадабо,
дог доьхна а болуш, уьш цунах юхабоьрзу.
18Цунна тІе тоьхна долу тур латталур дац,
гоьмукъо я цамзано, я пхаро цунна зен дийр дац.
19Эчиг цунна ча санна кІеда ду моьтту,
цІаста цунна мурйоьлла дечиг санна хета.
20Иза секхаІодан пхерчех дІа ца боду,
ткъа ширдолаган тІулгаш цунна кегаш санна ду.
21Шена чхьонкар кхетча, чамхалг
Іоттаелча санна хета цунна,
ткъа гоьмукъ кхетча иза боьлу.
22Цуьнан гай кхийрачу пхьегІийн ира геригаш йолуш санна ду,
сазз тІехула иза лелча, цуьнан лар, мекха такхийча санна, хуьлу.
23Хин кІорге цо, яй санна, кхоьхкуьйту,
хІорд, молханийн чорпа санна, дІахІоттабо.
24Цо шена тІаьхьа къегаш йолу лараш юьту,
хин кІоргенна тІехь къежбелла корта санна хилар хоьтуьйтуш.
25Оцу экхане нислуш кхин цхьа а экха дац,
цунна кхерам бохург хІун ду а ца хаьа.
26Иза майрра хьоьжу массо а дегалчу экханашка,
массо а курачу акхарошна тІехь иза паччахь ду».

 

 

Аюб

 

42

 

1Аюба иштта жоп делира Везачу Элана:
2«Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а,
Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а.
3Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Іалашонаш
хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“
Бакъду, со ца кхеташ долчу хІуманех лаьцна,
сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас.
4Ахь элира: „Соьга ладогІа, Со вистхир ву.
Со хьоьга хаттарш дан воллу, ткъа ахьа Суна жоп ло“.
5Суна Хьох лаьцна хьалха дуьйцуш хезнера,
ткъа хІинца сайн бІаьргашца гина Хьо суна.
6ХІинца со айса аьллачунна дохковаьлла,
цундела ченашна а, овкъаршна юккъе а хиъна Іаш ву».

 

Чаккхе

 

7Аюбе Шен къамел дина Ша ваьлча, Веза Эла теманхо волчу Элипазе вистхилира: «Со хьуна а, шина доттагІчунна а чІогІа оьгІазвахана, аша Сох лаьцна Сан ялхо волчу Аюба санна нийса дерг ца аьлла дела. 8Цундела, ворхІ сту а, ворхІ уьстагІ а схьа а эций, Аюб волчу гІо. Цигахь царна урс а хьакхий, шайна тІера дагоран сагІа даккха. Сан ялхо волчу Аюба шуна тІера доІа дийр ду, хІунда аьлча цуьнгара долу доІа бен Ас тІеоьцур дац. Сан ялхо волчу Аюба санна, аша Сох лаьцна нийса дерг ца алахь а, шуна догІучу тайпана таІзар дийр дац Аса».
9ТІаккха теманхо волчу Элипаза а, шуахьахо волчу Билдада а, иштта наІматхо волчу Цупара а, бахана, Везачу Эло шайга аьлларг дира. Везачу Эло Аюбан доІа тІеийцира.
10Шен доттагІашна тІера Аюба доІа дича, Везачу Эло цунна беркат юхадерзийра. Цуьнан хиллачул а шозза дукха бахам белира цунна Везачу Эло. 11Аюб волчу схьагулбелира берриг а цуьнан вежарий а, йижарий а, берриг а цуьнан хьалха хилла болу доттагІий а. Иза волчохь тойнехь Іийра уьш, цунах къинхетамаш беш, цуьнан дог а хьостуш, Везачу Эло цунна тІе мел еана хилла халонаш бахьана долуш. Цара хІораммо а цунна цхьацца цуьрг дети а, дашо хІоз а белира.
12Везачу Эло цуьнан дІаяьллачу заманал а чІогІа декъалдира цуьнан дисна дахар. ХІинца цуьнан бейтта эзар уьстагІ а, газа а яра, ялх эзар эмкал а яра, цхьа эзар шуьста а бара, иштта цхьа эзар виркхела а яра. 13Цуьнан ворхІ кІант а, кхо йоІ а яра. 14Хьалхарчу йоІан цІе Ямимат[11] тиллира цо, шолгІачун цІе КъациІат[12] тиллира, ткъа кхозлагІчун цІе Къарин-ХІапух[13] тиллира. 15Дерриг а лаьтта тІехь бацара Аюбан зудаберел хаза зударий. Аюба, шен бахамах дакъош а дина, кІенташна санна, зудаберашна а дІасадийкъира уьш.
16Цул тІаьхьа кхин а бІе шовзткъа шарахь вехира Аюб, цунна шен берийн бераш а, берийн берийн бераш а гира, доьалгІачу гаранна тІекхаччалц. 17ТІаккха Аюб, къан а велла, шен оьмар дуккха а денойх а юьзна, велира.

 

 

 

Забур

Дешхьалхе

 

Делан Йозанийн тептаршна юкъахь Забур цІе йолу тептар – назманаш а, доІанаш а долу тептар ду. Дуккха а хенахь и назманаш а, доІанаш а дохура тайп-тайпанчу яздархоша. Исраилхоша уьш, гул а дина, Далла Іамалъечу хенахь леладора. Эххар а цара гулдинарг Делан Йозанашна чудеара.
И динан байташ тайп-тайпана хуьлу: Далла хастам баран назманаш хуьлу, гІо а, лардар а, кІелхьардахар а доьхуш долу доІанаш хуьлу, шайна чохь гечдар доьху байташ хуьлу, Дала динчу диканна Далла баркалла аларан иллеш хуьлу, иштта, мостагІашна таІзар даран дехарш хуьлу. Тептаран доІанашна юкъахь цхьана стага а, къомо а дина доІанаш хуьлу. Цхьадолчу доІанашкахь цхьана стеган уггар кІорга ойланаш гучуйохуш ю, ткъа кхидолу доІанаш Делан массо а халкъан долу хьаштех а, ойланех а лаьцна ду.
Цхьадолчу назманашна тІехь хІора аятан хьалхарчу дешан хьалхара элп нохчийн абатан рогІехь хуьлу. «Акростик» цІе йолчу оцу кепо, абат кхачаме хиларе терра, байтийн кхачамалла гойту.
Забур тІера назманаш Іийсас Шен хьехамашкахь ялош хилла, Инжилан яздархоша а пайда оьцура царах. Ткъа Іийсах тешначийн динан гуламаша, шаьш Далла Іибадат дечу хенахь, чІогІа еза лору уьш.

 

 

Хьалхара тептар

 

(Забур 1–40)

 

1

 

Бакъдолу декъалалла

 

1Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг,
къинош летийна болчарна тІаьхьа ца хІуттуш верг,
кхаьрдаш болчарах дІа ца кхетарг!
2Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг,
царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!
3Ву иза доьдучу хин йистехь доьгІна дитт санна,
шен хенахь стом а ло цо,
гІа а маргІал ца дулу цуьнан,
ша мел дечунна тІехь аьтто а хуьлу цуьнан.
4Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу!
Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу.
5Цундела зуламе гІуллакхаш дечеран
Делан кхелана хьалха дІахІуттийла дац.
Къинош летораш а хилалур бац
Делан лаамехь болчеран гуламехь.
6ХІунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо,
ткъа зуламе гІуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хІаллакбо.

 

 

2

 

Дала къобалвина паччахь

 

1Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу?
Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна?
2Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу,
лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу,
Везачу Элана дуьхьал а бевлла,
Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.
3Цара боху: «Хедийна, дІадохур вай ваьшна тІера церан буржалш,
церан олаллех паргІатдевр вай!»

 

4Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех,
Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.
5ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна,
Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду:
6«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь,
Сайн безачу лам тІехь».

 

 

7Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо,
Цо аьлларг иштта ду:
«Хьо Сан кІант ву,
тахана Хьан Да хили Сох.
8Деха соьга, тІаккха Ас лур ду хьуна тІаьхьалонна халкъаш а,
хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.
9Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца,
отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна».

 

10Кхетийша, паччахьаш!
Іамийша, дуьненан куьйгалхой!
11Везачу Элана Іамалъейша кхерарца,
даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!
12Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а,
шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь.
Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду.

 

Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!

 

 

3

 

ГІо дехарх долу доІа

 

1Дауда шен кІантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.
2Веза Эла! Ма дебна сан мостагІий!
Дукхахберш суна дуьхьал гІевттина.
3Цара сох лаьцна олу:
«Делера кІелхьарвалар хир дац цунна».

 

4Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво.
Хьо ду Сан дозалла,
Ахь ойу сан сий!
5Ас доггах кхойкху Везачу Эле,
Шен безачу лам тІера Цо жоп ло суна.
6Со вуьжу, наб йо ас,
гІотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
7Сайна го бинчу эзарнаш мостагІех
кхералур вац со.
8ГІаттахьа, Веза Эла!
Ваккхахьа со кІелхьара, сан Дела!
Ахь сан мостагІийн яххьаш йоха ма йо,
зуламе гІуллакхаш дечеран цергаш ма оту.
9Везачу Элера ду кІелхьардовлар.
Хьан халкъана тІехь хуьлийла Хьан декъалдар.

 

 

4

 

ГІо доьхуш дина доІа

 

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.
2Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь,
дІахазахьа со, сан бакъволу Дела.
Хала киртиг тІехІоьттича,
Ахь гІо дора суна,
хІинца а хилахьа соьца дика,
сан доІанна жоп лохьа.
3ХІай нах! Мел дукха Іан дохку шу,
Со сийсаз а веш?
Эрна хІуманаш а дезаш,
харцдерг а лоьхуш,
мел лела дохку шу?
4Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш.
Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.

 

5Шаьш дарделлачу хенахь
къинош ма летадойла аша.
Цунах лаьцна кІоргге ойланаш аша елаш,
шайн меттахь дІатийна шаьш Іачу хенахь.
6Везачу Элана лерина нийса сагІанаш цІеначу даггара дахалаш,
Цунах тешна хилалаш.
7Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?»
Хьан юьхь тІера серло тхуна лепийла, Веза Эла!
8Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс
церан чул дукха ма ду,
кІа а, чагІар а
церан шортта делахь а.

 

9Меттахь Іуьллучу хенахь паргІат наб йо ас, Веза Эла.
Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш вāха ца вуьту со.

 

 

5

 

Ларвар доьху доІа

 

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма шедагашца лакха еза.
2Сан дешнаш дІахазахьа, Веза Эла,
тергам бехьа сан узарийн.
3ЛадогІахьа, сан Паччахь волу Дела,
аса доккхучу орцане.
Хьоьга деш ма ду аса сайн доІанаш.
4Іуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас,
Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.
5Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву.
Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.
6Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь,
цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
7Харцлуьйраш хІаллакбо Ахь.
Ца беза Хьуна, Дела, цІий Іенош берш а, мекарлонаш лелораш а.

 

8Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цІа чу вер ву,
гора а хІоьттина, Хьан дезачу цІа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву.
9Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула,
дуьхьалбевлла мостагІий сан болу дела.
Нисбехьа Хьайна тІебоьду сан некъ.
10Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац!
Церан дегнаш хІаллакдаран лаамех дуьзна ду,
церан къамкъаргаш дІаделладелла кешнаш санна ю,
шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара.
11Дела, ларахьа уьш бехке!
Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна.
И харцонаш мел лелораш дІабахахьа Ахьа, Дела,
Хьайна дуьхьал уьш бовларна.
12Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш.
Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла.
Ткъа Ахьа ларбехьа уьш.
Хьо везарш самукъане хуьлийла,
Ахьа мел дийриг бахьана долуш.
13Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг.
Хьан безамо иза, турсо санна, ларво.

 

 

6

 

Хало тІееача дина доІа

 

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма бархІ мерз болчу пондарца ала еза.
2ТІех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгІазвахханчохь.
ТаІзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь.
3Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гІел ма велла.
Сан даьІахкашка зуз догІу, товехьа со.
4Дог а ду сан, чІогІа гІайгІане доьжна.
Мел Іан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш?
5Юха а валий, Веза Эла, паргІатдаккхахьа сан са!
Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кІелхьарваккхахьа со.
6ХІунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогІур вац,
веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац.
7Аса дечу узарша со гІел а во,
дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо.
Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна.
8ГІайгІанехь хиларна сан бІаьргаш гІелделла.
МостагІий бахьанехь уьш телхина догІу.
9ДІадовла уллора, харцонаш лелораш,
хІунда аьлча дІахезна Везачу Элана сан велхаран узарш.
10Со Шега кхайкхар дІа а хезна,
сан доІанна жоп лур ду Везачу Эло.
11Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагІий.
ЦІеххьана юха а бирзина, юьхьІаьржачу хІуттур бу уьш.

 

 

7

 

Нийсо йоьху доІа

 

1Бен-Яманан тІаьхьенах волчу Хушин гІуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма[1].
2Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас.
Массо а суна тІаьхьабевллачех кІелхьара а ваккхий,
Ахьа паргІатваккхахьа со,
3хІунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара,
кІелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь.
4Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хІума даьллехь,
я сан куьйго къа латийнехь,
5нагахь аса сайца машарехь Іаш волчунна зе динехь,
я сан мостагІчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь,
6мостагІчо, суна тІе а кхиъна,
схьа а лаьцна,
лаьттахь сан са а хьаьшна,
сох чан а йина, вуьтийла со.
7Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал,
и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш.
Самавалахьа, Сан Дела,
меттахІоттаехьа нийсо.
8Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай,
Хьо волчу лакхахь царна тІехь Куьйгалхо хилахь.
9Везачу Эло йо халкъашна тІехь кхел.
Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел.
Сан дог а цІена ма ду.
10Адамийн хьекъал а девза Хьуна,
дегнаш а чекх го Хьуна,
тхан бакъволу Дела.
Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь,
ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа.

 

11Со ларвеш долу турс ду Дела,
догцІена берш кІелхьарбоху Цо.
12Дела бакъонца кхел Йийриг ву.
ХІора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза.
13Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь,
Цо, Шен тур а ирдой,
Шен Іад а дулий,
уьш цунна тІе хьажадо.
14Іожалла тІейоуьйту Цо, Шен гІирс схьа а оьций,
Шен догу пхерчий цунна тІехьажадо.

 

15Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо,
кхечарна вон болх хила луучо
ша-шена харцо кхуллу.
16Кхечунна ор доккхург
ша оцу ор чу вужур ву.
17Ша кхоьллина баланаш цунна тІе юхабоьрзур бу,
цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду.

 

18Ас хастам бо Везачу Элана
Иза бакъ хиларна.
Веза Воккхачу Элан цІеран сийнна
йиш а локху аса.

 

 

8

 

Делан сийлалла а, адаман сий а

 

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма Гати-гІалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гІирсаца ала еза.
2Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!
Ма сийлахь ю Хьан цІе дерриге а лаьтта тІехь!
Стигалшкахь дІахІоьттина ду Хьан сий!
3Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула.
ГІап дІахІоттийра Ахьа[2], Хьайн мостагІий бахьана долуш.
Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дІасовцорхьама дира Ахьа иза.

 

4Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча,
цу тІехь Ахь шен-шен метте дІахІиттийна
буттий, седарчий го суна.
5Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача?
Адаман кІант мила ву, Ахьа цуьнан гІайгІа бан?
6Стигалийн гуламан декъашхойл
дукха лах ца дина Ахь адам,
сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.
7Ахь адам олалла дан дІахІоттийна
Айхьа кхоьллинчу массо а хІуманна тІехь.
Ахь адаман когашка диллина доллу хІума а:
8уьстагІий а, бежанаш а, иштта акхарой а,
9стигалара олхазарш а,
хІорда чуьра чІерий а,
хІорда чохь мел лела садолу хІума а.

 

10Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла!
Ма сийлахь ю Хьан цІе дерриге а лаьтта тІехь!

 

 

9

 

Делан нийсо

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КІант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза.
2Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу,
Хьан массо а тамашийна гІуллакхаш аса дІакхайкхор ду.
3Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву.
Веза Воккха Дела, Хьан цІарна лерина иллеш ас эр ду.

 

4Сан мостагІий дІабоьрзучу хенахь,
Хьуна хьалха охьа а оьгий, хІаллакьхуьлу.
5Сан гІуллакхна тІехь Ахь нийсонца кхел яйтира.
Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Іарша тІе охьахиира.

 

6Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира,
Іесанаш Ахьа хІаллакбира,
абаденналц церан цІераш а дІаяйира.
7МостагІий Ахьа кхаьллина дІабехи.
Церан гІаланаш а Ахь хІаллакйина дІаехи,
царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дІабели.

 

8Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду.
Цо Шен Іарш кхел ярна кечйина ю.
9Цо дуьненна нийсонца кхел йо,
халкъашна тІехь а Цо бакъонца иза йо.

 

10ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву,
баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю.
11Хьан цІе шайна евзинарш Хьуна тІетевжа,
хІунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дІатесна ца буьту.

 

12Цийон-лома тІера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш.
Къаьмнашна юкъахь дІакхайкхаде аша Цуьнан гІуллакхаш.
13ЧІир йоькхуш волчу Цо
гІело хьоьгучеран узарш диц ца до.
Цо уьш дагахь а латтабо.

 

14Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа,
со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа.
Іожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,
15Цийонан йоІан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама.
Воккхавеш хир ву со, Ахьа кІелхьарваккхарна.

 

16Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш,
кІело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш.
17Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера.
Іесанаш шайн куьйга динчу гІуллакхаша дІалаьцна.

 

18Эхарте кхочу Іесанаш а,
Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а.
19Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар,
массо а ханна дІадаьлла дац къечун сатийсар.

 

20ГІаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа,
Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа.
21Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна,
шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна.

 

 

Нийсонах лаьцна доІа

 

22Веза Эла, суна иштта генахь хІунда ву Хьо?
Со баланехь волуш къайла хІунда волу Хьо?
23Дегнаш курадовларна къечарна тІаьхьабовлу Іесанаш.
Шайна дагадаьхкинчу хІилланаша дІалоцийла уьш.

 

24Шен синан лаамех дозалла до Іесачо.
Шена харц пайда лоьхучо
Веза Эла дІа а тосу,
Цунна сардам а буллу.
25Дозаллаш дарца Іесачунна моьтту,
ша цхьаммо а жоьпе озор вац,
Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.

 

26Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху.
Хьан кхел а цунна ма генахь ю.
Иза шен массо а мостагІашка цавашарца хьоьжу.
27Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац.
Цкъа а суна зуламе дерг тІедогІур дац».
28Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гІело ярх а юьзна ю.
Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду.

 

29Ярташна уллохь кІело йо цо,
къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо,
къайлаха декъазачуьнга бІаьргаш хьежабо цо.
30Коьллашкахь кІело йина Іуьллучу лоьмо санна,
къечунна къайлаха кІело йо цо.
Шен бой а тосий, къениг дІалоцу цо.
31Сатта а сеттий, таба а тебий,
шен ондачу мІарашца декъазанаш дІалоцу цо.
32Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг.
Шен юьхь дІа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».

 

33Сан Веза Дела, гІаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа,
Іазапехь берш а Ахь биц ма бехьа.
34Іесачунна Дела дегаза хІунда хета те, шен дагахь:
«Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш?

 

35ХІетте а Хьуна дерриг а го,
зуламан а, халахетаран а тидам бо,
Іазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу.
Къечо а ша Хьан кара дІало.
Байлахь висинчунна а Хьо гІоьнча ву

 

36Іесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа,
церан Іесаллех уьш жоьпе озабехьа,
церан Іесаллех хІумма а ца диссалц.

 

37Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву!
Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тІера дІадовр ду.

 

38Веза Эла! Хьуна дІахеза
Хьайна хьалха шаьш кІезиг хетачийн лаамаш.
Церан дегнаш Ахь чІагІ а до, Хьайн лерг царна дІа а делла.
39Байлахь висинчунна а, Іазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо,
лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама.

 

 

10

 

Везачу Элах тешна Іаш хилар

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Везачу Эло со ларвар лоьху аса.
ХІунда олу аша сан сине:
«Олхазар санна, тІема а далий,
шайн лома тІе дІагІо?
2Іесачара, секхаІедаш а дуьйлина,
шайн пхерчий зІенаршна тІехІиттийра,
боданехь догцІеначарна тІетохархьама.
3ХІун дийр ду Делан лаамехь болчара,
шайна кІелара Іесачара бух дІабаьккхича?»

 

4Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву,
Цуьнан Іарш стигалшкахь ю.
Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу,
дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу.
5Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Іесаниг а,
ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.

 

6Іесачарна тІе догуш долу кІегий а, саьмгал а,
догІа санна, охьаІанор ду Цо.
Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.
7Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза.
ДогцІеначунна Цуьнан юьхь гур ю.

 

 

11

 

Деле гІо дар доьхуш дина доІа

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хІара назма бархІ мерз болчу пондарца ала еза.
2КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла!
Цхьа а суьпаниг ца висна-кх,
адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.
3ХІораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу.
Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.

 

4Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа!
Дозаллех юьзна хІорра а бага дІакъовлахьа!
5Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо,
хІара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»

 

6Везачу Эло боху:
«ГІоттур ву Со мискачара хьоьгучу Іазапан дуьхьа а,
къечара дечу узарийн дуьхьа а.
Цара лоьху кІелхьардовлар лур ду Аса царна».

 

7Везачу Элан дешнаш – цІена дешнаш ду.
Кхерча диллина долу, ворхІазза
дахчийна дети санна уьш ду.

 

8Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо,
оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.
9Гонах массанхьа а Іесанаш лела,
массара а зуламениг хесточу хенахь.

 

 

12

 

Делан диканах тешар

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Кхин а мел ханна хир ду те
Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла?
Кхин а мел Іийр ву те Хьо
соьгахьара дІавирзина, Веза Эла?
3Мел Іан деза те сан бала хьоьгуш,
хІора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош?
Кхин мел хан ер ю те сан мостагІаша со хьийзош?
4Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга,
лохьа суна жоп.
Юхаерзаехьа сан могушалла а,
со велла дІа ца валийтархьама.
5Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагІчо!
Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тІаьхьа бевллачарна.
6Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву.
Ахьа со кІелхьарваккхарна,
Сан дог самукъадаьлла хир ду.
Ахь суна динчу диканна,
ас Хьуна иллеш эр ду!

 

Адамийн Іесалла

 

(Забур 52)

 

13

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Ма телхина нах бу уьш,
цара лелориг мел дегаза хІума ду.
Диканиг дийриг цхьа а вац царах.

 

2Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Веза Эла,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
3Берриш а нийсачу некъах тилла,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а вац диканиг дийриг,
ур-атталла цхьаъ-м вац.

 

4Кхетаме богІур болуш а бац те
харцонаш лелош мел берш,
шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дІакхоллурш,
ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?

 

5ЦІеххьана царна тІе кхерам тосур бу,
Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.
6Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а,
Везачу Эле цо ша лар ма войту!

 

7Исраилан халкъана кІелхьардалар
Цийон-лома тІера догІур делахьара!
Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахІоттийча,
Якъубан тІаьхьенан сакъералур дара,
Исраилан халкъан самукъадер дара.

 

 

14

 

Далла лууш дерг

 

1 Даудан назма.
Веза Эла! Хьан хІусамехь Іан хьенан ю бакъо?
Хьан безачу лома тІехь ваха хьенан ю бакъо?

 

2Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш,
бакъахьараниг а деш, даггара
билггал бакъдерг олуш волчун.
3Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ,
шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш,
шен уллораниг емал а ца веш волчун.
4Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дІатеснарг бІаьрга ван а ца везаш,
амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун.
Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чІагІо йинехь,
шен дашана тІера волуш воцучун.
5Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама,
иза духалург луш воцучун а,
бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а.

 

Цу тайпана лелаш верг
даима а лаьттар ву.

 

 

15

 

Делах тешаран доІа

 

1 Дауда язйина назма.
Іалашвехьа со, Ва Дела,
Ахьа со ларвар аса лоьху дела.
2Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла.
Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».
3Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча,
уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.

 

4Хийрачу деланашна тІебоьлхучеран
баланаш совбевр ма бу.
ЦІий Іаноран сагІанаш аса церан деланашна дохур дац,
церан цІераш а сайн багахула аса йохур яц.

 

5Суна кхочу дакъа а,
сан хинболу кхоллам а,
Веза Эла, Хьо ву.
Сан бала беза кхаж а
Хьан карахь бу.
6Суна дІадуьстина дерг исбаьхьа ду,
Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.

 

7Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво.
Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.
8Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха.
Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта.

 

9Цундела сан дог а сакъералуш ду,
сан багара мотт а самукъадаьлла бу.
Сан дегІ а кхерамехь дац.
10ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.
Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.

 

11Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,
Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь,
Хьан аьтту агІор со леларна,
абаденналц а там суна хуьлуьйту.

 

 

16

 

Бехк боцучун доІа

 

1 Даудан доІа.
Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дІа а хазий,
тергамца сан тийжаме ладогІахьа,
харц йоцучу сан багара доІа тІеэцахьа.
2Ахь нийса кхел йийр ю суна,
бакъдерг Хьуна дика ма го.

 

3Сан деган кІоргене хьаьжира Хьо.
Буьйсанна сан терго а йина,
со Ахьа зийча,
цхьа а вониг ца карийра Хьуна.
Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта
сацам бина аса.
4Хьан багара долучу дешнашна тІаьхьа а хІуьттуш,
ларлуш лела со.
Ткъа адамаша лелочу гІуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а
со тІаьхьа ца хІуьтту.
5Хьан некъахула леларца сайн когаш чІагІбира аса.
Уьш дІа а ца бевлла цу некъа тІера.
6Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела.
Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай,
дІахазахьа сан дешнаш.
7Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа,
Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тІегІертачех
Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кІелхьарбохуш верг.
8Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со,
йоІбІаьрг санна, ларвехьа со
9суна тІегІоьртинчу буьрсачу мостагІех,
суна го бинчу сан са лоьхучу мостагІех.
10Церан дог ца лозу кхидолчу адамех,
ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.
11Уьш суна тІе а гІоьртина,
хІинца суна го а бина цара,
шайн бІаьргаш суна тІе хьажийна цара,
со лаьтта охьатаІо гІерта уьш.
12Ижунах хьаьгна долчу мецачу лоьмах тера бу уьш,
къайлаха тІекхета кечделлачу къоначу лоьмах тера бу уьш.
13Веза Эла! Дуьхьалвалахьа сан мостагІашна,
царна тІе а гІортий, Ахь эшабехьа уьш.
Хьайн туьраца кІелхьардаккхахьа сан са
оцу зуламхойх.
14Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кІелхьарваккхахьа со,
кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах,
церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду.
Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таІзарш дехьа царна,
церан бераш а таІзарех дузахьа,
церан берийн берашна а царах диснарг лохьа.
15Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь,
самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна.

 

 

17

 

Даудан хастаман назма

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хІара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХІара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагІийн а, Шаулан а карара ша Цо кІелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира:
2«Веза Эла, Хьо веза суна,
Хьо сан ницкъ бу!

 

3Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо,
со КІелхьарваккхархо ву.
Сан Дела сан тарх ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу.
Иза со къайлавоккху меттиг а ю.

 

4Шена хастам бан хьакъ долчу
Везачу Эле ма кхойкху со,
ткъа Цо сан мостагІех кІелхьарвоккху со.
5Іожаллин зІенаша дІалаьцнера со,
дохаран тулгІенаша дІахьош вара со.
6Эхартан зІенаш хьаьрчинера сох,
Іожаллин бой яра суна хьалха.

 

7Сайна бохам баьллачу дийнахь
Везачу Эле орца даьккхира Аса.
Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со.
Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира.
Сан орца Цуьнан лере дІакхечира.
8Латта дега а дира, ласта а лестира,
лаьмнийн баххаш меттах а девлира,
Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела.
9Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира,
доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара елира,
догуш долу кІегий цу чуьра охьаоьгура.
10Стигалш дІаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Іаьржа мархаш яра.
11Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза,
механ тІемаш тІехь дІавахара Иза.
12Цо хІаваэрачу Іаьржачу мархех
Шена къайлаволу меттиг йира,
Цунна гонах иза четар санна хилира.
13Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара
Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира,
къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира.
14Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гІовгІа елира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
Къора туьйхира, догуш долу кІегий серладевлира
15Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагІий дІасалаьхкира.
ЧІогІа ткъес а тоьхна,
Цо уьш дІа ма бовдийтира.

 

16Веза Эла, Хьан оьгІазе аз дІахезча,
Хьан мерІуьргашкахула хІо арадаьлча,
хІордийн баххаш гучудевлира,
лаьттан баххаш схьаделладелира.

 

17Везачу Эло лакхенгара,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кІоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18Доьналла долчу сан мостагІийн куьйга кІелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагІех кІелхьара а ваьккхира.

 

19Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира,
амма Веза Эла суна гІортор хилла дІахІоьттира.
20Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кІелхьарваьккхира со.

 

21Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цІена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла.
22Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делехьара дІа ца верзалуш, со Іеса а ца лелара.
23Цуьнан дерриг а тІедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тІера со дІа а ца волура.

 

24Цунна хьалха со цІена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бІаьргашкахь сан куьйгаш цІена долу дела.

 

26Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27ЦІена волчуьнца цІена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу.

 

28Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху,
ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаІабо.
29Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо.
Сан бода а Дала серлабоккху.
30Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.

 

31Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу!
Везачу Элан дош ма цІена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дІахІоьттира.

 

32Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург?
Тарх санна, дІахІоьттина мила ву, вайн Дела воцург?
33Берриг ницкъ а Дала ло суна,
дахаран некъ а нисбо Цо сан.

 

34Сан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхенашкахь со чІогІа лоттуьйту.
35Сан куьйгаш Цо тІом бан а Іамадо,
аса хІинца цІестан Іад дула а тарло.

 

36Со кІелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан аьтту куьйго со лар а вира.
Хьан гІодаро со тІех воккха а войтура.
37Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан болар гал ца долура.

 

38Сайн мостагІашна тІаьхьа а ваьлла, царна тІекхиира со.
Уьш, хІаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со.
39Хьала ца гІовттабаллал ас уьш охьабехкира,
ткъа уьш сан когашка охьаийгира.

 

40Ахьа суна тІом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41Ахь дІабовдийтинчу сан мостагІийн баккъаш суна гина,
цундела со цавезнарш ас хІаллакбина.

 

42Цара, шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо царна жоп ца лора.
43Мохо дІасаяржо чан санна,
царах кегийра дакъош ас дора.
Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура.

 

44Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кІелхьарваьккхина.
Кхечу къаьмнашна тІехь куьйгалхо Ахь со вина.
Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хІинца суна гІуллакх до.
45Сох лаьцна шайна дІа-ма-хеззи,
суна муьтІахь хуьлу уьш.
Кхечу мехкашкара нах
суна хьалха хьестало.
46Даг чохь болчу кхерамо гІора дІадаьккхинера церан,
цундела, бега а беш, шайн чІагІонашкара арабуьйлура уьш.

 

47Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда со кІелхьарвоккху Дела!
48Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтІахь дийриг а,
49сан мостагІех со кІелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тІехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кІелхьарваьккхира.

 

50Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цІе а хестор ю ас.
51Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а».

 

 

18

 

Делан сийлалла Цуьнан кхоллараллехь ю

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Стигалша Делан сийлалла гойту.
Цо динчу гІуллакхех лаьцна дуьйцу цара.
3Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо,
тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.
4Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца,
церан аз а дац хезаш.
5Дерриг а лаьтта тІехула чекхйолу церан лар.
Дуьне мел ду дІакхочу церан тоьшалла.

 

Стигалшкахь маьлхана Іан меттиг елла Дала.
6Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кІант санна, араболу малх а,
къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.
7Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза,
вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан.
Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хІума хьул ца ло.

 

8Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу,
цо синан чІагІо йо.
Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду,
Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло.
9Везачу Элан омранаш бакъахьара ду,
цара дог айадо.
Везачу Элан весет сирла ду,
цо бІаьргаш серладоху.
10Везачу Элах кхерар цІена ду,
иза абаделлалц ду.
Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю,
уьш нийса а ю.
11И дерриге а дешил деза ду,
мазал а, улха чуьра мезан тІадамал а мерза ду.

 

12Хьан лена а цара боккха хьехам бо,
уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.
13Ша латийна массо а къинош хьанна го?
Сан къайлаха долчу къинойх цІанвехьа Ахь со.
14Лаам болуш леточу къинойх[13] ларвехьа Хьайн лай,
цаьрга суна тІехь толам а ца боккхуьйтуш.
ТІаккха цІена хир ву со,
даккхийчу къиношна бехке а воцуш.
15Веза Эла, сан Тарх а,
суна паргІато Лург а,
сан бетера долу дешнаш а,
сан деган ойланаш а
тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.

 

 

19

 

Толам баккхарна дина доІа

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Холчу хІоьттинчу дийнахь дІахезийла хьо Везачу Элана,
ларвойла хьо Якъубан Делан цІаро.
3Цо гІо доккхийла хьоьгахьа Шен цІа чуьра,
Цийон-лам тІера хьо чІагІвойла Цо.
4Ахь сагІина мел деанарг дагатосийла Цунна,
ахь дийнаташ дагоран сагІа даккхарх там хуьлийла Цунна.
5Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а,
ерриге хьан Іалашонаш а кхочушйойла Цо.
6Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду,
тІаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю.
Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.

 

7ХІинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кІелхьарвоккхийла.
Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна
Шен нуьцкъалчу кІелхьарвоккхучу куьйгаца.
8Цхьаболчара гІудалкхех,
вукхара говрех,
ткъа оха тхайн Везачу Делан цІарах дозалла до.
9Уьш, мал а белла, ийгира,
ткъа тхо, дІа а хІиттина, нисделира.
10Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа,
тхо дІа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.

 

 

20

 

Баьккхинчу толамна хастам бар

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь,
Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза.
3Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна,
цуьнан бето дехнарг дІа а ца теттира Ахьа.

 

4ХІунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна,
цІеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тІе.
5Цо дахар далар дийхира Хьоьга,
Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан.
6Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна.
Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла.
7Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна.
Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.

 

8ХІунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву,
Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан.
9Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагІий,
Хьан кара гІур ма бу массо Хьо цавезарш.
10Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш.
Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш,
цІеро буур бу уьш.
11Лаьттара церан тІаьхье а хІаллакйийр ю Ахьа,
адамийн кІенташна юкъара церан хІу а дойур ду Ахьа.
12ХІунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира,
вон Іалашонаш а хІиттийра,
амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга.
13ТІаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь.
Хьайн секхаІодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тІе.

 

14Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна.
Оха хастор ву Хьо иллешкахь
Хьан сийлахь гІуллакхаш бахьанехь.

 

 

21

 

Іазапехь а хилла, Далла хастам бар

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хІара Даудан назма.
2Сан Дела! Ва сан Дела!
Со хІунда вити Ахьа?
Ас чІогІа орца даьккхинехь а,
сан кІелхьарвалар генахь ду суна.
3Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела,
Ахьа суна жоп-м ца ло.
Буьйсанна а кхойкху со,
амма сан синтем бац.

 

4Ткъа Хьо Везаниг ву,
Хьан Іарш Исраилан
хастамаш тІехь лаьтташ ю.
5Хьох тешаш хилла тхан дай.
Уьш, теша а тешна, Ахьа кІелхьарбохура.
6Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура.
Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура.

 

7Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву.
Адамийн дог долу сох,
халкъана дегаза хета со.
8Со гуш болу берриш а кхаьрда сох.
Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:
9«Везачу Элах тешна ма вара иза –
Цо иза кІелхьарваккха веза-кх.
Везачу Эло иза паргІатвоккхийла,
Ша цунна реза велахь».

 

10Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа.
Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.
11Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна
Хьуна дІавелла вара со.
Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна
Хьо Дела ву сан.

 

12Суна гена ма валахь, хІунда аьлча
тІебогІу бала гергахь бу,
ткъа гІодийриг вац сан.
13Алссам йолчу старгІанаша го бина суна.
Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.
14Ижунах а хьаьгна, гІам-гІим дечу лоьмо санна,
суна тІе шайн баганаш гІаттийна цара.

 

15Со, хи санна, Іана вахана.
Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан.
Дог, балоз санна а хилла,
кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан.
16Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегІера дІабаьлла,
сан багара мотт а къамкъаргах дІалетта.
Со Іожаллин чене дІавуьллу Ахь.

 

17ЖІаьлех тарбеллачу наха го бина суна,
буьрсачу арданго го лаьцна сан.
Цара цергаш чекхъяьхна
сан куьйгех а, когех а.
18Ерриге а даьІахкаш ягаръялур ю сан.
Нах, суна тІе а хьоьжуш, боьлу сох.
19Цара вовшашлахь йоькъу сан тІеюху хІуманаш,
кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.

 

20Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна.
Хьоьгара бу сан ницкъ, гІоьнна волахьа суна.
21Туьрах кІелхьардаккхахьа сан са,
жІаьлех а кІелхьардаккхахьа сан дахар.
22Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со,
акхачу бугІанан маІех ларвехьа со.
Ахь суна жоп ма делла!

 

23Хьан цІе сайн вежаршна кхайкхор ю аса.
Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.
24Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна.
Якъубан дерриг а хІу! Сийде Цуьнан.
Исраилан ерриг а тІаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.

 

25ХІунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара,
цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира.
Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах,
амма, иза Шега кхайкхича, дІахезира Везачу Элана.

 

26Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса.
Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваІданаш кхочушдийр ду аса.
27Къечара шаьш буззалц юур ю.
Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу.
Шу абаденналц а дехийла!

 

28Дуьненан массо а маьІІера адамаш,
Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду.
Массо а къаьмнийн болчу доьзалша,
охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду.
29ХІунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла.
Цо дерриге а къаьмнашна тІехь олалла до.

 

30Лаьттахь токхо а йолуш Іаш болчара,
Цунна Іибадат а деш, сагІа дуур ду.
Коше а кхаьчна, чан хилларг а,
дахар лардар шен карахь доцург а –
массо а Цунна хьалха суждане гІур ву.

 

31Хинйолу тІаьхье Цунна Іамал еш хир ю.
Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.
32Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду,
дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.

 

 

22

 

Веза Эла сан Іу ву

 

1 Даудан назма.
Веза Эла сан Іу ву.
Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.
2Цо сийначу бай тІехь дІа а вижаво,
тийначу хи тІе а вуьгу со.
3Сан синна ницкъ а луш,
Шен цІеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.
4Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а,
вонах кхоьрур вац со,
хІунда аьлча Хьо соьца ву.
Хьан некъан Іасано синтем ло суна.
5Сан мостагІашна а гуш,
суна хьалха кхача биллина Ахь.
Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь.
Сан кад а тІех буьзна бу.
6Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь,
тІаккха Везачу Элан цІа чохь сайн тІейогІу хан чекхйоккхур ю ас.

 

 

23

 

Сийлаллин Паччахь волу Веза Эла

 

1 Даудан назма.
Латта а, цу тІехь дерг а Везачу Элан ду.
Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а.
2ХІордашна тІехь дуьне ДІахІоттийнарг а,
хишна тІехь иза ЧІагІдинарг а Веза Эла ву.

 

3Мила вер ву Везачу Элан лам тІе,
я мила дІахІуттур ву Цуьнан дезачу цІа чохь?
4Шегара зулам цадолуьйтург,
дог цІена дерг,
шен са зуламехьа цахьажориг,
Делан цІарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву.
5Везачу Эло декъалвийр ву иза.
Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна.
6Якъубан Дела, Хьоьгара гІо оьшучеран,
Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду!

 

7Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неІарш, дІаеллало,
сийлаллин Паччахь тІаккха чувогІур ву!
8Мила ву сийлаллин Паччахь?
Иза онда а, чІогІа а волу,
тІамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву.

 

9Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа,
шира неІарш, дІаеллало,
сийлаллин Паччахь тІаккха чувогІур ву!
10Мила ву сийлаллин Паччахь?
Массо а ницкъийн Веза Эла,
Иза сийлаллин Паччахь ву.

 

 

24

 

Шена тІехь куьйгалла дар а, ша кІелхьарваккхар а доьхуш дина доІа

 

1 Даудан назма.
qac Аqac*са[20] Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
2qac Бqac*илггала Хьох тешна ву со, сан Дела!
Со юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа.
Сох мостагІий ма кхардийтахьа.
3qac Бqac*ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьІаьржачу хІуьттур бац,
ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьІаьржачу хІуьттур бу.

 

4qac Гqac*айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш,
Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.
5qac Дqac*е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со.
Хьайн билггал бакъдолчунна тІе а верзавехьа со,
Іама а вехьа со, хІунда аьлча со кІелхьарвоккху Дела Хьо ву.

 

6qac Еqac*рриг а заманашкахь дуьйна болу
Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а
дагабаийтахьа, ва Веза Эла.
7qac Зqac*уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа.
Къоналлин къиношна гечдехьа сан.
Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина,
со дагаваийтахьа, Веза Эла,
Хьо дика волу дела.

 

8qac Иqac*сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна,
бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.
9qac Кqac*Іезиг шаьш хетарш нийсонна тІе Цо берзабо,
Шен некъа тІехь лела уьш Цо Іамабо.
10qac Лqac*еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна
Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.

 

11qac Мqac*ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла,
Хьайн цІеран дуьхьа суна гечдехьа.
12qac Нqac*агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь,
адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.
13qac Оqac*цу стага диканца шен хан а йоккхур ю,
цуьнан тІаьхьенна латта а кхочур ду.
14qac Пqac*аргІат юкъаметтиг ю Везачу Элан
Шега ларамах буьзначаьрца,
Шен барт а Цо царна бовзуьйту.

 

15qac Рqac*ечІанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна,
сан бІаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.
16qac Сqac*оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа,
хІунда аьлча со цхьа а ву, гІело хьоьгуш а ву.
17qac Тqac*Іех алсамъевлла сан деган гІайгІанаш,
сан баланех со хьалхаваккхахьа.
18qac Уqac*зарш а деш, со гІайгІанехь хиларан а,
со гІелваларан а тидам бехьа,
сан дерриге а къиношна гечдехьа.

 

19qac Хqac*ьажахьа сан мостагІашка, мел дукха бу уьш.
Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.
20qac Чqac*ІагІо а хилий, кІелхьарваккхахьа со.
Хьох тешна Іаш волу дела,
юьхьІаьржачу ма хІуттийла со.
21qac Шqac*еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгІуш волу дела,
цІена леларо а, нийсоно а ларвойла со.

 

22qac Іqac*ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гІайгІанех,
Дела, паргІатдаккхахьа Исраилан халкъ.

 

 

25

 

Бехк боцучун доІа

 

1 Даудан назма.
Веза Эла, бехказаваккхахьа,
цІеначу новкъахула леларна, со.
Цкъа а гал ца волуш,
Хьох тешна лелаш ма вара со.
2Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа.
Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.
3Хьан безам сан бІаьргашна хьалха ма бу,
Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.
4Мекарчу адамашца со ца Іа,
шалхонаш йолчарах со дІа ца кхета.
5Зуламхойн гулам суна ца беза,
Іесачарна юкъахь со охьа ца хоу.

 

6Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дІагойту аса,
цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву
Хьуна Іибадат дечу меттигна го боккхуш,
7сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а,
Хьан дерриге а инзаречу гІуллакхех лаьцна дийцархьама а.

 

8Веза Эла! Деза суна Хьо Іаш волу цІа а,
Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.
9Сан са хІаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца,
сан дахар а хІаллак ма дехьа цІий Іанор дезачаьрца.
10Церан карахь ду зуламаш дар,
церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.

 

11Ткъа со-м сайн цІеначу новкъахь ву.
КІелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.

 

12Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь.
Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.

 

 

26

 

Везачу Элах тешна Іаш хилар

 

1 Даудан назма.
Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду.
Со хьанах кхоьрур ву?
Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю.
Со хьан Іадор ву?

 

2Нагахь санна зуламе берш суна тІегІортахь,
со дІакхаллархьама, сан мостагІий тІелатахь,
уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.
3Нагахь тІеман тоба суна дуьхьалъялахь а,
сан дог кхералур дац.
Суна тІамца тІегІортахь а,
хІетте а сан сатийсам хир бу.

 

4Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса,
изза бен ца лоьху аса.
Иза ду, со вехаш мел ву,
Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар,
Цуьнан хазалле хьежархьама а,
Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а.
5Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо
Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со.
Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со,
Цо тарха тІе а воккхур ма ву со.
6ТІаккха сан корта суна го бинчу
мостагІашна тІехь хьалаайабелла хир бу.
Иза Іаш волчу меттехь аса, аз а айдеш,
массо а тайпана сагІанаш дохур ду,
Везачу Элана хьалха аса иллеш а,
хастаме назманаш а эр ду.

 

7Веза Эла, Хьоьга дІакхойкхуш долу сан аз дІа а хазахь,
сох къинхетам а бехьа, суна жоп а лохьа.
8Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха.
Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла.
9Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа.
Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа.
Хьо сан гІоьнча вара.
ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со,
ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург!
10Сан дас а, сан нанас а со витича а,
Везачу Эло со тІеоьцур вара.

 

11Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Іамавехьа со.
Нийсачу некъа тІе ваккхахьа со,
сан мостагІий сан тергам беш хиларна.
12Сан мостагІийн лаамийн кара дІа ма лохьа со,
хІунда аьлча суна дуьхьал гІевттина
харцтоьшаллаш дийраш,
къизаллица са а доьІуш.

 

13Со тешна Іаш дерг хІара ду:
со дийна а волуш гур ду суна
Везачу Эло мел до дика.
14Везачу Эле сатийса.
Доьналла долуш а хила,
хьайн дог а чІагІде.
Везачу Эле сатийса.

 

 

27

 

ГІо оьшучун доІа

 

1 Даудан назма.
Хьоьга кхойкху ас,
Веза Эла, сан Тарх!
Суна жоп ца луш
ма хилалахь.
Хьо вист ца хилча,
эхарте кхаьчначех тарлур ву со.
2Сан доІанаш дІахазалахь
ас Хьайга орца дохучу хенахь,
Хьан дезачу цІийне
ас куьйгаш ойучу хенахь.
3Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш,
ткъа дагахь вониг долчу а,
зуламе гІуллакхаш дечу а,
Іесачу а нахаца хІаллак ма вехьа со.
4Церан гІуллакхашка а,
цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий,
кхел ехьа царна.
Церан куьйгийн балхе хьажжий,
ял лохьа царна,
хьакъ дерриг юхалохьа царна.
5Везачу Эло диначунна а,
Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а,
цара тидам тІе ца бахийтарна,
Цо хІаллакбийр бу уьш,
юха метта а ца хІиттош.

 

6Хастам бу Везачу Элана,
Цунна сан доІанаш хезна.
7Веза Эла сан чІагІо ю,
со ларвеш долу турс ду Иза.
Цунах тешна дара сан дог,
тІаккха Цо гІо дира суна.
Сан дог доккхадеш ду,
сайн иллешца ас хаставо Иза.
8Веза Эла Шен халкъан гІап а ю,
Ша къобалвинчун кІелхьарваккхаран чІагІо а ю.
9Хьайн халкъ кІелхьара а даккха,
Хьайн тІаьхье декъал а е.
Церан Іу хилахьа,
уьш даим Іалаш а беш.

 

 

28

 

Везачу Элан нуьцкъала аз

 

1Даудан назма[25].
Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
2Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша.

 

3Везачу Элан аз ду хезаш хиш тІехула.
Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела.
Везачу Элан аз ду хезаш хІордаш тІехула.
4Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз,
сийлахь а ду Везачу Элан аз.

 

5Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо.
Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло.
6Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту,
Хьермон-лам[26], акха бугІа санна, ирхлоьлхуьйту.

 

7Стелахаьштиг схьатуьйсу
Везачу Элан озо.
8Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо.
Кхадеш цІе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло.
9Сешка кІорнеш а йохуьйту,
масарш оста а довлуьйту[27]
Везачу Элан озо.
Везачу Элан цІийнан кертахь массара а
Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу.

 

10ТІедевллачу хишна тІехь а олалла динера Везачу Эло.
Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло.
11Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло.
Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло.

 

 

29

 

Хастаман доІа

 

1 Делан цІа даздан олу Даудан назма.
2Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кІелхьарваьккхи со,
сан мостагІий сох ца белийти.
3Сан Веза Дела! Ас гІо дийхира Хьоьга,
Ахь суна дарба дира.
4Эхартара сан са ара а даьккхина,
со денвира Ахь, Веза Эла,
коша чу со ца вижийтира.
5Хастам бе Везачу Элана,
Цунна тешаме болу нах.
Иза веза хилар дагадоуьйтуш,
хаставе аша Иза,
6хІунда аьлча кІеззигчу ханна ду Цуьнан оьгІазвахар,
дерриг а дахарна ду Цуьнан дика.
Суьйранна белхар дІахІоттахь а,
Іуьйранна самукъадалар хуьлу.
7Со синтеме волуш ас бехира:
«Цхьана а хІумано меттахвоккхур вац со».
8Хьайн диканца, Веза Эла,
Ахь чІагІбира сан лам.
Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича,
со вуьйхира.

 

9ТІаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со.
Хьалдолчу Эле ас дийхира:
10«ХІун пайда бу сох, со хІаллаквича?
Хьуна хІун лур ду, со коша чу вижча?
Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна?
Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?
11Веза Эла, со дІа а хазий, къинхетам бехьа сох!
Веза Эла! Хилахьа сан гІоьнча».

 

12Ахь сан белхаран метта,
суна хелхар дели,
сингаттаман духарш дІа а эцна,
самукъадаларан духарш суна тІедуьйхи.
13Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо.
Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.

 

 

30

 

Деле сатийсарх лаьцна дина доІа

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со.
Цкъа а юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа со.
Хьайн нийсонца со паргІатваккхахьа.

 

3Хьайн лерг суна тІедерзадехьа,
со кІелхьарваккха сихлохьа.
Тарх санна хилахьа, со ларвархьама,
чІогІа гІап санна хилахьа суна, со кІелхьарваккхархьама.
4Суна чхар санна Хьо хиларна,
суна гІап санна Хьо хиларна,
Хьайн цІеран дуьхьа со лела а вехьа,
суна тІехь урхалла а дехьа.
5Къайлаха дІахІоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа,
хІунда аьлча Хьо ю сан чІагІо.

 

6Хьан кара дІало аса сайн са.
Веза Эла, тешаме Дела,
Ахьа кІелхьарвоккхур ву со.
7ХІумма а боцучу цІуйн сийдийраш
бІаьрга бан а ца беза суна,
ткъа со Везачу Элах тешна Іаш ву.
8Хьан хедар боцу безам бахьанехь
хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со.
ХІунда аьлча ас хьоьгу Іазап Хьуна гира,
сан синан бала Хьуна дІахиира.

 

9МостагІчун кара дІа ца велира со Ахьа.
Сан когаш паргІатчу меттехь дІахІиттий Ахь.
10Веза Эла, сох къинхетам бехьа,
хІунда аьлча ву-кх со готтехь.
Сингаттаме со хиларна,
худабелла сан бІаьргаш а,
сан са а, сан кийра а.

 

11Сингаттамо дахар а гІелдина сан,
шераш а узарш деш дІадовлу сан.
Аса къинош леторна[30], сан ницкъ а дІабаьлла,
сан даьІахкаш а малъелла.
12Сан мостагІий бахьанехь
ур-атталла сан лулахоша а тІехдетта суна,
со вевзаш берш а дІакъехка сох.
Урамехь со гинарш а дІабовду сох.
13Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со.
Йоьхна пхьегІа санна ву со.

 

14Дуккханнийн а харцлер хеза суна.
Массо а агІор къемат тІегІерта,
суна дуьхьал барт а бина,
сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.
15Ткъа со Хьох теша, Веза Эла.
Аса олу: «Хьо ву сан Дела».
16Хьан карахь ду сан дахаран денош.
Сан мостагІийн карара а,
суна тІаьхьабевллачех а
со кІелхьарваккхахьа.
17Хьан лай волчу суна тІе Хьайн юьхь тІера серло лепийтахьа.
Хьайн хедар боцучу безамца со кІелхьарваккхахьа.
18Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна
со юьхьІаьржачу ма хІуттийла.
Ткъа Іесанаш, юьхьІаьржачу а хІиттина,
эхартахь тийна дІасовцийла.

 

19Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш,
Делан лаамехь лелачарна дуьхьал
кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.
20Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика,
Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу.
Хьоьга шаьш лардойтуш долчу
массо а адамашна хьалха дІало Ахь иза!

 

21Адамийн питанех
Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш.
Дуьхьал лоьчу меттанех
Хьайн ІиндагІехь къайлабоху Ахь уьш.
22Декъала ву Веза Эла,
го бинчу гІалахь со волуш,
суна Ша тешаме хилар Іаламат кепара гайтина волу!

 

23Со дог доьхна волуш, суна хийтира,
Хьайн бІаьргашна дуьхьалара Ахь со дІаваьккхина аьлла.
Амма Хьуна дІахезира сан доІанан аз,
Хьайга со дІакхайкхича.
24Веза Эла везаш хилалаш,
Цуьнан долахь мел дерш.
Тешаме берш Везачу Эло ларбо,
ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дІало.
25Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чІагІлойла,
Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чІагІлойла!

 

 

31

 

Къиношна дохкодовларх а, Дала гечдарх а

 

1 Даудан хьехаме назма.
Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош
цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг!
2Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а,
шен синца мекарло йоцу а стаг!

 

3Айса къа латадар дІа а ца дуьйцуш,
Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Іачу хенахь,
хІора денна ас узарш дарна,
малъелла дІаяьллера сан даьІахкаш.
4ХІунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тІехь дазделла лаьттара.
Аьхкенан йокъа хІоьттинчу хенахь санна,
бос а байна сан.

 

5Амма айса латийначу къинна къера а хилира со,
сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох.
Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас».
ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк.

 

6ХІора Делан лаамехь волчо доІа дойла Хьоьга,
ша нийса вац аьлла хетачу хенахь,
даккхий хиш дистина догІучу хенахь,
цунна тІе уьш кхочур дац.
7Хьо волчохь ю сан дІалочкъийла,
Ахь ларво со халонех,
кІелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна.

 

8Ас хьо кхетор а ву,
хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву.
Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тІехь,
Сан бІаьрг а бу хьуна тІехь.
9Ма хилийша дин санна,
я кхеташ йоцу вирбІарза санна,
шаьш бохург цаьрга дайтархьама,
церан мочхалш тІе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу.

 

10Дог цІена доцучу стеган
дукха баланаш бу,
ткъа Везачу Элах тешна Іаш волчунна
Цуьнан хедар боцу безам хуьлу.
11Везачу Эло шайна динарг бахьанехь,
самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш,
даккхийделаш, дог цІена дерш.

 

 

32

 

Хастам баран илли

 

1 Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш.
Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.
2Хастам бе Везачу Элана,
дечиг-пондар локхуш,
ала Цунна иллеш
итт мерз болу пондарца.
3Ала Цунна керла илли:
говза лакха Цунна,
воккхаверан аз айдеш.

 

4ХІунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду,
Ша мел дечу гІуллакхаш тІехь тешаме ву Иза.
5Цунна бакъдерг а, нийсо а еза.
Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.

 

6Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш,
Цо Шен Синан Іаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.
7ХІордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина,
кІорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.

 

8Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах,
инзардовлийла Цунна хьалхā дуьнен чохь мел дехарш.
9ХІунда аьлча Цо элира – иза хилира,
Цо омра дира – иза дІахІоьттира.

 

10Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш,
хІаллакйо халкъийн Іалашонаш.
11Ткъа Везачу Элан Іалашо абаделлалц лаьтта,
Цуьнан дагахь дерг тІаьхьенера тІаьхьене кхочу.
12Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ.
Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.

 

13Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу,
массо а адамийн кІентий го Цунна.
14Ша охьахиъна Іаш волчу сийлаллин гІанта тІера
лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка
охьахьоьжуш ву Иза.
15Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш,
церан мел долчу гІуллакхийн духе а кхуьу Иза.

 

16Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху.
Шен боккха ницкъ хиларх тІемало а кІелхьара ца волу.
17Дин а бац тешаме стаг кІелхьарваккха,
шен боккхачу ницкъаца а кІелхьарвоккхур вац цо иза.

 

18Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а,
Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгІучаьрга а.
19Цо уьш Іожаллех а кІелхьарбоху,
кхача а ло царна мацалла хІоьттинчу хенахь.

 

20Вай Везачу Элах тешна ду.
Иза вайн гІоьнча а, вай лардо турс а ду.
21Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш,
Цуьнан сийлаллин цІарах тешна вай деха дела.

 

22Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тІехь
тхо Хьох тешна Іаш долчу хенахь.

 

 

33

 

Делан диканна бина хастам

 

1 qac Аqac*бу-Маликана[34] хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дІаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дІавахара.
2qac Вqac*еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь.
Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.
3qac Гqac*Іийла дерш, дІа а хазий, самукъадаьлла хилалаш,
Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.
4qac Дqac*екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца.
Язъе вай массара а Цуьнан еза цІе хІинца.

 

5qac Еqac*рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш.
Цунна дІа а ма хезира ас деш долу доІанаш.
Сан мел болчу кхерамех со кІелхьарваьккхи Цо.
6qac Зqac*овкх ду Цунна тІебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу.
Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьІаьржонах юьзна.
7qac Иqac*штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дІахеза.
Цуьнан массо а баланех Цо и кІелхьарвоккху.
8qac Кqac*Іелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш.
Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.

 

9qac Лqac*еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна!
Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Іаш волу стаг!
10qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш,
хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу.
11qac Нqac*аггахь ур-атталла лоьман кІорнеш а, яа хІума йоцуш, мацаллехь хуьлу,
ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.

 

12qac Оqac*йла а еш, бераш, соьга хІинца ладогІа.
Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.
13qac Пqac*аргІат долу дахар дезий шуна?
Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?
14qac Рqac*еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш.
Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.
15qac Сqac*ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де!
Цу гІуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.

 

16qac Тqac*къа Хьан бІаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу.
Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.
17qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна,
Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама.
18qac Хqac*еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича.
Церан берриге а баланех Цо уьш кІелхьарбоху.
19qac Цqac*о Ша дог доьхначарна уллохь гойту.
Дог диллина Іаш берш а Везачу Эло кІелхьарбоху.

 

20qac Чqac*ІогІа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а,
амма массо а халонех Везачу Эло иза кІелхьарвоккхур ву.
21qac Шqac*аерриш а цуьнан даьІахкаш Везачу Эло ларъеш ю.
Царах цхьа а Цо кагйийр яц.
22qac Эqac*ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дІавоккхур ву.
Делан лаамехь берш цабезнарш, хІаллакьхилла, дІабевр бу.

 

23qac Іqac*азапера Везачу Эло мехах паргІатвоккху Шен ялхо.
Шех тешна Іаш берш Цо бехке ца бо.

 

 

34

 

Деле гІо доьхуш дина доІа

 

1 Даудан назма.
Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна.
Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.
2Кара турс а эций, тІе гІагІ а духий,
волахьа Хьо суна гІо дан.
3ГІоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагІий.
Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кІелхьардоккхург».

 

4Сан синна тІаьхьабевллачарна эхь а хетийла,
со вен лоьхурш, юьхьІаьржачу а хІиттина, юха а боьрзийла.
5Мохо дІасатесна чан санна, хуьлийла уьш.
Везачу Элан Малико дІа а лохкийла уьш.
6Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла.
Царна тІаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.

 

7Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара.
Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.
8ЦІеххьана хІаллакьхилар нислойла хІинца царна шайна.
Къайлаха когаш кІел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш.
Шаьш, цу ор чу а эгна, хІаллакьхуьлийла уьш.

 

9Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду,
Цуьнгара долчу кІелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.
10Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?»
Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг,
къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.

 

11Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш.
Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
12Ас динчу диканна вон до суна цара.
Сан са а ма дуьту дІатесна цара.
13Уьш цомгуш хилча, ас-м таьІна бедарш юхура.
Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца.
Ас дина доІанаш жоп доцуш дисича,
14доттагІа я ваша и волуш санна, гІайгІане хуьлура со.
Сайн ненан тезетахь санна,
корта а оллийна, халахетта хуьлура со.

 

15Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора.
Суна хІума олуш берш цхьаьна ма кхетара.
Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.
16АстагІчух буьйлурш санна,
соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.

 

17Хьалдолу Эла! Кхин дукха Іийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш?
Ахь кІелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех,
лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!
18Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю.
Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.

 

19Харц бахьанашца сан мостагІий баккхий ма бейтахьа.
Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бІаьргаш ма теІабайтахьа.

 

20ХІунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара,
ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.
21Суна дуьхьал шайн баганаш а гІиттош, цара олу:
«ХІаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»
22Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла!
Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!
23Сама а валий, суна гІоьнна дІахІоттахьа.
Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалхā бехказаваккхахьа со.
24Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тІехь, сан Веза Дела!
Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.
25Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна:
«ХІара дара-кх оха лоьххург», – аьлла.
Ма олийла-кх цара:
«ХІара-м оха дІакхаьллира».

 

26Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла,
цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо.
Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла,
уьш сийсаз а бойла.

 

27Хазахетарца баккхийбойла
со бакъвина хила лууш берш.
Хаддаза олийла цара:
«Вазлойла Веза Эла,
Шен лен ирс хазахеташ волу».
28Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш,
муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.

 

 

35

 

Бакъонаш ца ларъечун Іесалла

 

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Везачу Элан ялхо волчу Даудан назма.
2Іесачун кІорггера даг чуьра
аьрхалла йистхуьлу цуьнга.
Цуьнан бІаьргаш чохь
Делах кхерар дац.
3Шех лаьцна оццул лекха ойла ю цуьнан,
шен къинош а гина, уьш ца деза кхетам ца кхаччал.
4Цуьнан багара схьадолу дешнаш харц а, мекара а ду.
Кхетаме хилар а, дика лелар а цо дитина ду.
5Вижинчохь а вон ойланаш йо цо.
Иза харц некъа тІе а волу,
вониг дарх дІа а ца воьрзу.

 

6Веза Эла! Хьан хедар боцу безам стигалшка дІакхочу,
Хьан тешаме хилар мархашка кхочу.

 

7Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю.
Хьан кхел кІорга хІордаш санна ю.
Адамаш а, бежанаш а Іалашдо Ахь, Веза Эла!

 

8Мел чІогІа мехала бу-кх Хьан хедар боцу безам, Дела!
Хьан тІемийн ІиндагІехь адамаша шаьш лардойту.
9Хьан токхечу цІийнах дузуш ду уьш.
Хьайх долучу диканан хица хьогалла дІайоккху Ахь церан.
10ХІунда аьлча Хьоьгара ду дахаран хьоста.
Хьоьца йолчу серлонгахь серло го тхуна.

 

11Дахдехьа Хьо вевзачарна Хьайн безам балар а,
догцІеначарна Хьайн нийсо лелор а.

 

12Курачун ког суна тІе ма болийла,
къилахь волчун куьйго со дІа а ма эккхавойла.
13Зулам лелош берш цигахь охьаэгна.
Шаьш охьабахкарна, уьш хьала ца гІовттало.

 

 

36

 

Делан лаамехь волчунна а, Іесачунна а шен-шен хьакъ дІадалар